Сайхан Нунуев - написанные рецензии

Рецензия на «Со нанас до1анна айбинчу куьйгаш т1аьхь кхиъна» (Айза Барзанукаева)

Дала сий дойла, Айза, хьан а, массо а оьздачу нохчийн зудчун а. Тхо шун декхарлара девр дац, х1уъа дича а. Говза а, хьекъале а кхолларалла ю хьан.

Хьан ваша - Сайд-Хьамзат.

Сайхан Нунуев   14.06.2016 22:21     Заявить о нарушении
Лераме Сайд-Хьамзат! Дела реза хуьлда хьуна суна тамехь дош аларна. Хьо санна волчу к1орггера 1илма долчу говзанчас аьлча муххале а дез ду и дош. "Кхолларалла" ала-м эхь хетар суна х1окху сайн йозанах...
Хийла ахьа зорбане яьхна материалш дозаллица а, хазхетарца а ешна аса (хьан книгаш йоцурш а).
Вай цхьан хенахь параллельно доьшуш дара. Доккха пох1ма долуш говзанча ву хьо! Дала аьтто бойла хьан!
Лерамца,

Айза Барзанукаева   15.06.2016 19:03   Заявить о нарушении