Со нанас до1анна айбинчу куьйгаш т1аьхь кхиъна

Айза Барзанукаева
                Нохчийн зударийн Денна лерина
Х1окху доккхачу дуьненахь уггаре хьомениг  нана ю.  Буьйсанна наб ца еш, аганан г1аж а лаьцна,  шен сих-дег1ах схьадаьлла са  - шен доьзалхо -  делхарна кхоьруш, шена там ца лохуш, и кхион г1ерташ хене йолург  нана ю. Цхьа ша-тайпачу т1ег1ан т1ехь ю нохчийн нана. Цундела  вайн республикехь  ду  цунна лерина билгалдаьккхина  даздеш долу Нохчийн зударийн  Де.
Х1ора заманан шен-шен сибаташ а, г1иллакхаш а  хуьлу.  Амма цкъа  а хийцалур доцчу  мог1арера ду  нохчийн  ненан оьзда сибат а, оьзда  - дайшкара дуьйна схьадог1у  -  г1иллакхаш а.   Нохчийн къоман исторехь – маьрша я т1еман хенашкахь -  даима а хилла доьналла долу зударий, халкъалахь «къонах стаг», аьлла, ц1е йоккхуш. Вай царах дозалла а до, хан-зама яларх  церан ц1ерш даима  вайн исторехь юьсур йолуш ю, Дала мукълахь!
Амма,  эзарнаш  нохчийн зударий шайн дахаран йохаллехь майраллий, хьуьнарший  гойтуш бацахь а,  х1ора дийнахь  шайн сийлахь декхарш кхочуш деш бу.  Цу декхарийн  маь1на цхьаъ  ду :  х1усамнана.  Иза ю    кхерчахь ц1е  д1а  ца  йолуьйтуш  доьзална бух латтош ерг.  Рог1ера нохчийн зударий  эр вай царех, х1унда аьлча, лаккхара даржашкахь белхаш а ца бина, мидалш-орденаш а ца яьхна. Амма шайн коьрта дарж – ненан  дарж – юьхьк1ам  боллуш дахарехула схьадахьаш бехаш бу.  Ишттачарех ду сан дийцар.

Къизачу Советан  1едалан  репрессийн «болх» сихбеллачу хенахь нохчийн уггаре ширчу юьртахь – Чечанахь – дуьнент1е  яьлла  Денисултанов  Абубакаран йо1  Месси.  Кхиинйог1ачу хенахь, шен жималлех сакъерадалийта  ца кхуьуьйташ,  Даймахках яьккхина, сийна Сибреха яхийтина иза шен къомаца.  1ожал ца хиларна, мацаллех-шелонах хьалха яьлла, г1ийла дуьне даа дийна йисна  Месси.  Кхойтта шарахь сатийсинчу шен  Даймахке ц1айирзина иза.  Х1етахь  жима зуда яра иза, карахь бер а долуш…
Халонаш , эшамаш , харцонаш лайна бисинчера юхад1ах1отто дезара шайн дахар.  Иштта, Делан йозанца, шина бераца висина волчу  Шаптукаев Абдулхалакца  керла дахаран мур болийра цо 1965-чу шарахь.  Х1етахь хетара,  дахаран уггаре  ирча аг1онаш кхин юха гур яц, аьлла.
Шаптукаевг1ер  бертахьчу доьзалехь хьалакхиира  «дуьненан зезагаш» - вукха кху шиннийн кхаа берашна т1ехилира кхиъ ялх. Исс берий, дай-наний ч1ог1а бертахь  бехира  Нохчийчу 1994-чу шарахь луьра, къиза т1ом баллалц.  Бакъду, цу хенахь царех дукхахберш шайн х1усмеш а йолуш бехаш бара. Амма  дена-нанна уьш  гуттар а бераш дара, шайн ма-хуьллу царна г1о а деш, церан терго а еш.
Соьлжа-г1алахь бехаш бар аьлла ца 1аш, бежан-котам а лелайора берийн нанас Мессис. Муха,  мичхьа беже лоллур аша аьлла хаьттича, соьга  цкъа маццах Мессис  ела а елла, шаьш гуттар ц1ахь кхаьбна  етт,  кех а ца боккхуш, элира. Ойла йича, доккха х1ума ду иза.  «Городской» боху кураллаш а ца еш, шен доьзална  керла, ц1ена, хила беззачу барамехь т1о-к1алд  латтийна  цу нанас!   
Мессин ц1ийнда Абдулхалак йоккха КамАЗ т1ехь шофер болх беш хилла. Х1инца «дальнобойщик» олу цу рожехь болх  бечарех.  Со  кхаьрга хьошалг1а  еанчехь  суна  гинчу  лулахочо кхин цхьа тоьшалла а дира Мессех лаьцна. Моьттур дара хьуна, элир цо,  кхуьнан ц1ийнда  цхьа министран даржехь балхахь ву. Даима а цунна т1ехь  иту а хьаькхна,   малх санна къегина к1айн коч бен  кхоьчу басахь коч ца хуьлур , аьлла.  Ала дашна, х1етахь х1инцалера хьелаш а дацара, х1умнаш куьйга  юьттура, ма аьлла, иту хьокхуьйла  а ца хуьлура,  ток  д1айоккхий .
  Вайн къоман цхьа дийцар ду.  Цу т1ехь юьйцуш ерг Шаптукаева Месси санна йолу  нохчийн бакъйоллу  зуда ю.  Цхьана стаге хаьттина боху, хьо оццул  ч1ог1а вевзаш, лоруш х1унда ву халкъалахь, аьлла. Цо жоп делла боху, цкъа хьалха ша  зудчо  лерира , цуьнгара масал  ийцира  доьзало.   Т1аккха юьртахь ц1ейоккхуш сий хилира шен. Юьртара  араваьлча  халкъо а сий  дира шен, аьлла.  Иштта дан а ду иза. Вайн халкъан дуккха а ду цу т1едог1уш кицанаш. Масала, стагах  стаг веш ерг зуда ю. И стоглара воккхуш ерг а зуда ю. 
Мессина ша даккхийра г1уллакхаш дина а, я ч1ог1а къахьегна  а аьлла  ца хета. Ша х1усамнана хиларе терра, шен бераш хиларе терра  ша лелон дезарг дина аьлла хеташ ю иза тахана а.  И санна  болчу нанойх  лаьцна аьлла ду   Дезчу Къоран т1ехь «ялсамане ненан когашна к1елахь ю», аьлла.
Месси  коьртахь даима бохург санна  к1айн  я сирлачу басехь долу йовлакх хуьлу.   Цуьнан к1айчу аматехь йолчу юьхьт1ехь ч1ог1а товш а хуьлу  иштта йовлакх.  Суна гуттар дагадог1у ширчу заманера схьадеана  вайн къоман 1адат: шина мостаг1чуьнан дов  д1адолуш хилла нохчийн зудчо шен коьртар даьккхина   йовлакх цу шинна юккъе кхоьссича…
Шаптукаевг1еран боккхачу, бертахьчу доьзалах   йоккха киртиг яьккхира вайн махка беанчу къизачу т1амо. 1995 шарахь  «в районе «Минутки» идут ожесточенные бои», бохуш, Москвас кхайкхочу хенахь  т1еман к1уро  бакъдуьнене  вехьира кхеран да Абдулхалак.    Кху шарахь 20 шо кхочу  кхаьрца и воцу.   Аллах1-Делан йозанна  реза ду   вай.  Виснарг  ца ваьхча  ца волу. Цундела   шаьш  мерза цхьана яьккхина  хан  безамца йийца а юьйцуш, бертахь бехаш бу  Шаптукаева Мессин доьзал.



Вайн  лакхахь  хьахийначу  нохчийн шира  юьртана  - дай баьхна Чечанна  - эзарнаш километраш генахь – Казахстанехь   яьлла  дуьнент1е  Чагаева Раиса  Абдулаевна.
Школе яхаза жима бер дара иза  кхеран доьзал  13 шарахь х1ора дийнахь сатийсинчу Даймахке  ц1абирзича.  Х1ара хилла-кх  Нана-Даймохк, бохуш,  хьоьжура жима йо1   Чечанара 1аламе,  даьржина дог1учу чехкачу Органе, гена доццуш д1ахьаьжча  гуш долчу лаьмнийн  баххьашка.  Дукха хан ялале кхийтира Раиса  х1унда юьйцура  баккхийчара  Нохчийчоь, х1унда гатдора цара са. Мел боккхачу безамца, лерамца,  лаьттан х1ора кийсаган пусар дарца,  болийра цара шайн дахаран керла мур!
  Шен Даймахкахь 1-чу классе деша яхара  Раиса.   Шо шаре мел долу  нохчийн дахар  тоделира. Лаьттаца къахьоьгуш,  цо  рицкъ луш,  Раисера  доьзал а  хене болуш, схьабеара.   Кхеран доьзалехь 8 бер кхиира. Бераша  шайн нанна  массо а г1уллакх  т1ехь  г1о дора.  Дечу г1уллакхах къаьхкаш бац  1абдуллин а, Зинин а доьзал олура кхарех лаьцна.  Шен нана  Зина ч1ог1а  къахьоьг1уш зуда яра, бохуш, дуьйцу Раисас. Суна схьахетарехь, вайн республикехь помидораш лелош  уггаре дукха  къахьегнарш чечанхой бу моьтту, боху цо. Иза мухха делахь а, лаьттаца гергарло долуш, цу латте безам  ч1аг1беш кхиийра  Зинас шен доьзал.
 Амма тебна 1аш бохам хиллера: берех доккхах долу шиъ бен д1анисделла а доцуш, 1абдулла кхелхира.  Ц1ийнан дукъ нанна т1ехь дисира. Когаирх1отто дезаш кхин а 6 бер дара. Амма ша юьззина нохчийн къоман йо1 хиларе терра Зинас кхиийра шен доьзал.  Лулахошца, гергарчаьрца к1еда-мерза чекхъелира шен дахарехь  Зина.  1аьнна наьрс-помидор  хичу юллуш даима   оьшачул а сов йоккхура цо, саг1ина яла хир ю олий.
Ненан г1илкхах  масал а эцна тахана  Раисас а юллу хичу х1ума алссам.  Хьаша-да веача, шен нанас санна, уггар диканиг, мерзаниг, бе-берсаниг хьалха юьллу Раисас, кхи яцарий, к1езга ярий ца олуш.  Сапарг1ат стаг яц Раиса. Тахана кертахь нус  а  ю, берийн бераш а ду кхуьуш, делахь а шен ши куьг ца кхаьчча ца мегаш санна,  г1улкхан т1ера ю иза. Раиса ца евзачо, цуьнан хабаре ладоьг1ча, эр ду, иза сиха стаг ю, аьлла.  Хабарна сиха елахь а, амал ч1ог1а к1еда ю цуьнан. Кегий долш санна, х1инца а хуьлу иза  шен берашна т1е юрг1а тадеш, уьш набарха шелбаларна кхоьуш. Ткъа уьш Раисин а, цуьнан ц1ийнден   Атабаев Султанан а виъ ву.  Кхо йо1, цхьа к1ант. Ши йо11ий, к1анттий лаккхара дешар дешна бу. Ткъа цхьа йо1 -  техникум яьккхина ю.   Лулахошца хаза к1еда-мерза, бертахь  1аш бу кхеран доьзал.  Нохчаша ма-аллара, 1аьвшшина  шайн  г1уллакх деш, хьанал къахьоьгуш  доьзал  бу  Атабаева Раисин  доьзал. 
…Чечанара школа чекхъяьккхинчул т1аьхьа  Раисас  бедарш тегаран пхьеран говзалла каръерзийра Соьлжа-г1алахь училище а яьккхина. Делахь а дахаро шен  «законащца»  кхуьнан  кхолламан некъ Атабаев Султанан  дахарца  буьйзира.   Белхан меттиг а,  1ар-яхаран меттиг а  дийзира хийца.  Цул т1аьхьа ткъе ялхийтта шо даьлла.  Доьзал кхиъбарал сов, Раисас  ткъе кхойтта шарахь тайп-тайпана меттигашкахь  пачхьалкхан белхаш бина.  Соьлжа-г1алахь  бедарш тегаран фабрикехь, еттин кибарчигийн заводехь, Гикало – поселкехь консервни заводехь, Ножай-юьрта районера Промкомбинатан  куьйга  кузаш дечу   цехехь,  Аргунехь шекар доккхучу заводехь.
Ша белхаш бинчу меттигашкахь  шен ц1е дикчу аг1ор яккхан  бен  ца йитина Раисас. Халонех ца идда, бехказлонаш ца лехна, шалхонаш ца лелийна.  Адмашна юккъехь уггаре товш дерг  эсал хилар, к1оршаме ца хуьлуш, барт болуш  хилар хетта.  Цу дог-ойланца схьайог1уш ю тахана а Атабаева Раиса Абдулаевна  -  юьззина шен къоман йо1. 
Дела реза хуьлда цунна!

        Алсултанова Зараъ  Геховна йина а, ехаш а ю Аргун-г1алахь. Цуьнан ден  а, ненан Залпаан а  8 бер  хилла,  нохчийн доьзалехь алссам беращ  хуьлуш хиларе терра.  Цу тайпана дукха бераш долчу х1усмехь бер къинхегаман масалца кхуьуш хилла.  Х1инца а  ду иза иштта. Ткъа къинхегам болчехь  барт а ч1аг1ло, вовшийн г1одан  а  1ема бераш. Воккх-воккхачо шел жимахверг а 1алашвеш кхуьу бераш.  Т1аккха баккхий хилча а марзонан з1е мал ца  ло.  Ишттачерах  ду  Зараан дец1а.
Зараъ дуьнент1е яьлла хан Советан  пачхьалхан ницкъ ч1аг1белла хан ю,  космосе Гагарин вахан массийта шо  даьлча .  Х1етахь ч1ог1а дозалла дора  массо къаьмнаша шаьш  «советски» хиларна.  Бакъдерг дийцича, низам ч1ог1а дара.  Нохчий   шайн берашна  дешар 1амийта  г1ерташ  бара.  Вешан къоман  белхан говзанчаш бара массо а меттигашкахь.  Ларамаза дацара Аргунера №2 йолу школа чекхъяьккхинчул т1аьхьа къона Зараъ лаккхара дешар деша  Соьжа-г1ала  яхар. Тамашийна дара кхидерг : йо1 деша яхара мехкдаьттан институте. Ткъа иза  цу хенахь «божарийн» дешаран хьарма лоруш яра.
Халонех ида 1емина хиллехь, Зараъ цига г1ур-г   хир яцара деша…
Дешаран шерш а д1адевлира. Йо1а диплом схьаэцча шен специальности хьаьжжина Аргунера шекар даккхаран заводехь болх а бира.  Дахаро дог а 1овжийра : кхеран боккхачу доьзалан т1ера да кхелхина бакъдуьнене вахара.  Нанас  Залпаа  ша пенсе яххалца  къахьийгира  халчу балхахь – мясокомбинатехь.       Дала з1уьйш санна, кхин а эшамаш   1овшийтира  нене.  Баккхий хилчул т1аьхьа, кегий  бераш а дуьсуш  д1акхелхина  Залпаан масех  доьзалхо. Ша а ю тахана б1аьрса дайна, меттахь йисина.  Амма   цо   шен   берашна   делла    дика    г1иллакхаша   тахана  дика «стом» белла :  б1аьрзачу ненан дика 1уналла до  бераша. Ткъа гуттар «бессменно» Залпаъ 1алашъеш кхуьнан  к1ента зуда ю. Вовшийн сий-ларам ца хилча хир дарий иза иштта?
 Нохчийн къоман ирсечу чкъурах ю ала мегар долуш яра Зараъ, нагахь санна цуьнан хьомечу Даймахке ирчачу шина т1еман  вон ца деънехьара.
Шен говзаллица болх а беш,  ц1ийндеца  Салманца кхиош шиъ к1ант  а волуш,   ехаш яра  Зараъ.  Шен къомаца цхьана  т1еман къизалла  а 1аьвшира  цо.  Вах-ван маьршачу хенахь аьтто болш хилла йолу Аргун т1еман хенахь ч1ог1а  кхераме, луьра шахьар яра.
Хьалхара т1ом д1абаьлла аьлла хетачу хенахь  Ичкерин заманахь белхан меттигаш д1аевлача дукхах болу нохчийн зударех тешна бисира доьзалш.
Рицкъа даккха цхьацца некъаш леха дийзира ц1ийнанойн.  Дукхах берш базара бевлира йохк-эцар лелон.  Вайна дагадог1у  лоьраш, хьехархой, республикехь г1арбевлла болу артисташ,  кхин а  говзаллаш йолу  нах базарахь  лаьттина хан. Иштта дийзира Зараан а  шен доьзална орцах яла.
Цунна цкъа а ца моьттинера шен и лелон дезар ду аьлла.
Алсултанова Зараан шен ненера Залпаэра  к1еда-мерза амал кхаьчна. Массо а х1уманна ша жоьпехь хета цунна.   Доьзална чу са диллина ю иза.
Хьаша-да дог реза дина т1еоьцуш, томана ша х1ун дийр дар-техьа аьлла ю.
Шалг1онашший, хьагг1ий, аьшпашший,  харцлеррий ,  кхин а сакхте амалш стагехь тусаелча ч1ог1а новкъа дог1у   цунна.   
Догц1ена, комаьрша, адмех доглазар алсам долуш йолу дела бир аьлла хета суна цо цхьана муьрехь КЦСОНехь  социальни белхалочуьн болх.  Г1ийла воллучунна, къеначунна, г1орсиз висинчу  ч1ог1а дагам там беш ду Зараъ санна йолчу зудчун аьхна аз,  б1аьргийн  лераме  хьажар,  к1едачу  куьйган   йовхо.
Лула-кулахь, йиш-вешица, белхан накъосташца , аренца ца бевзачу  нахаца а  ч1ог1а  к1еда-мерза ю Зараъ.   Даима а юьхь-сибат сирла, беламе хуьлу цуьнан.  Холчх1оьттинчуьн дог эца хаьа цунна,  синтем хуьлчу кепара.  Шена дикдинчу стагана х1ун дина баркалл эр дара ша аьлла хуьлу.  Цхьа ши шо хьалха редакце а еана, шайн школехь классни куьйгалхо хилла йолу математикин хьехархо Зинаида Евстасьевна  Тепсаевах лаьцна  статья яхьаш еара иза. Оха и зорбане а яьккхира. Шен   а, шен накъостийн ц1арх  а  баркалла элира цо оцу говзачу, х1инца пенсехь йолучу хьехархочунна. 
Тамашийна дац цундела Зараъ Геховна тахана школехь дог реза хилла  берашна  математика хьоьхуш хиларна. Ша бинчу белхашна юккъехь уггаре меле болх хьехархочуьнниг хета цунна. Заочно хьехархойн институтехь цо оцу белхан говзалла караерзийра.  Тахана и къахьоьгуш ю Аргун-г1алин №3 йолчу школехь.  Уггаре хала бераш лору  6, 7, 8-чу классашкара  кхиазхой. Амма хьехархочунна карийна берийн даг т1е  доьлху  «некъаш».  Ша муха 1ийна-те  х1иццалц и болх а ца беш бохуш ю   Зараъ Геховна.  Школан куьйгалхоша  а билгалдаьккхина  хьехархо  шен белхан декхаршца дика ларош хилар.  Цундела ша декхарийлахь юйла хаьа Зараъна  берашна хьалха.  Ша ю, боху цо, церан хаарш хилийтарна жоьпехь.
Алсултанова Зараах лаьцна дийцар дерзош ала лаьа: «Дала дика дойла хьуна хьайн ц1енчу даге хьаьжжина!»

     Дешт1аьхье. 
Оха йовзийти шуна нохчийн къоман кхаан чкъуран (кхаъ поколенин)   кхоъ  къонаха зуда.  Царех а, ишттачарех а дийца-м  шортта хир дара.  Дерзош ала лаьа Ахматукаев Адаман  байтан  т1ера дешнашца: «Со нанас  до1анна айбинчу куьйгаш т1ехь кхиъна…. ,  … цу иллин  мукъамехь  дахарца  ас дина  тоба».
                2015-г1а шо, сентябрь