Литературный Клуб Даймохк - полученные рецензии

Рецензия на «Абубакарова Фариза, Катар-юрт, 3 класс» (Литературный Клуб Даймохк)

Даима йог1ийла б1аьсте берийн дегнаш хьостуш!
Говза рифма карийна хьуна: б1аьсте-хьаьсти, хеза-заза, маьрша-яьржаш.

Асламбек Гайтукаев   08.05.2019 10:06     Заявить о нарушении
Рецензия на «Тужиева Хава, 5 А класс Олхазурово» (Литературный Клуб Даймохк)

Говза дешнаш карийна авторна! Кхиамаш хуьлийла беркате байташ кхин а язъярехь!

Асламбек Гайтукаев   08.05.2019 10:01     Заявить о нарушении
Рецензия на «Абубакаров Абдулла» (Литературный Клуб Даймохк)

Чулацаме, маь1не мог1анаш ду...
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   20.12.2017 12:07     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда,Асланбек,тхан терго ярна!

Литературный Клуб Даймохк   27.01.2018 23:55   Заявить о нарушении
Рецензия на «Хасуев Ахмед, юный талант» (Литературный Клуб Даймохк)

Абубакаровас ма-яздарра, теша лаьа,
Ахьмадан хаарийн т1ег1а лакхадериг хиларх а,
литературехь хаза-сирла лар юьтуш,
цуьнан йозанаш беркате хирг хиларх а!
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   11.05.2017 10:18     Заявить о нарушении
Рецензия на «Дукаева Петимат, ученица гимназии 7» (Литературный Клуб Даймохк)

Пхоьалг1ачу классан дешархочо Дукаева Пет1амата
язйинчу байташкахь говза х1оттийна хьомсарчу Даймехкан
исбаьхьчу 1аламан сурт, дика гайтина шена
дай баьхна латта дукхадезар!
Теша лаьа, цо иза дешарца а,
хьаналчу къинхьегамца а ч1аг1дийр хиларх а!
Кхиамаш хуьлда Дукаеван кхоллараллехь!
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   11.05.2017 10:10     Заявить о нарушении
Амин! Дела реза хуьлда!

Литературный Клуб Даймохк   27.01.2018 23:56   Заявить о нарушении
Рецензия на «Багаев Ризван, ученик гимназии 7, юный поэт» (Литературный Клуб Даймохк)

Сирла шовда санна, ц1ена-аьхна ойланаш хаало, Ризван, хьан байташкахь!
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   11.05.2017 10:00     Заявить о нарушении
Дала саг1а дойла хьан х1ора дош,тхан лераме доттаг1а!

Литературный Клуб Даймохк   27.01.2018 23:57   Заявить о нарушении
Рецензия на «Саламова Петимат, студентка педколледжа» (Литературный Клуб Даймохк)

Кхоччуш кхиъна ойланаш ю хьан говзарехь, Пет1амат! Хаза хьехам бу иза, дахарехь дика г1уллакхаш дан кхойкхуш! Ша ешначунна беркате-дарбане хир ю хьан байт, Дала мукъалахь! Аллах1-Дела реза хуьлда хьуна!
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   04.02.2017 14:16     Заявить о нарушении
Асланбек,Дела реза хуьлда хьуна "Даймохк" тобанан декъашхойн иштта лакхара мах хадорна.
Доккха беркат ду вайн къоман юкъахь хьо санна догц1ена,нохчийн маттах,махках дог лазаш адамаш хилар.
Дика дош а дикачу 1амалех ду. Дала могуш-маьрша лелавойла-кх хьо!
Лерамца,"Даймохк" ц1е йолчу литературни-кхоллараллин куьйгалхо П.Абубакарова

Петимат Абубакарова   20.02.2017 23:29   Заявить о нарушении
Рецензия на «Юсупхадлжиева Лиана, студентка педколледжа» (Литературный Клуб Даймохк)

Ненан маттаца доьзначуьнга хьо бендоцуш хьоьжуш цахилар б1аьрла хаало хьан мог1анашкахь, Лиана! Сирла дог-ойла, ц1ена 1алашонаш кхайкхайо ахь.
Аллах1-Дала аьтто бойла хьан а, вайн массеран а ненан мотт 1аморехь, ларбарехь, кхиорехь!
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   04.02.2017 14:01     Заявить о нарушении
Дела реза хуьлда,Асланбек!
Лерамца, П.А.

Петимат Абубакарова   20.02.2017 23:30   Заявить о нарушении
Оха хазахеташ дийшира хьан дешнаш тхайн тобанехь.
Хьо санначу догдикачу адамаша шен ницкъех тешабо къона пох1манчаш.
Ларамца, тоба "Даймохк".

Петимат Абубакарова   20.02.2017 23:33   Заявить о нарушении
Рецензия на «Тохтарова Зулихан, студентка педколледжа» (Литературный Клуб Даймохк)

Маь1на долу мог1анаш яздина ахь, Зулихан! К1орггера хьехам а бу цаьрца. Дала аьтто бойла дика г1уллакхаш дарехь!
Ларамца,

Асламбек Гайтукаев   04.02.2017 13:51     Заявить о нарушении
Дала Шен дуьхьа дойла хьан х1ора дош!
Лерамца,"Даймохк" ц1е йолу литературни тоба.

Петимат Абубакарова   20.02.2017 23:31   Заявить о нарушении