Байгуша туьйра. Для взрослых. На чеченском

Хамид Дельмаев
Байгуш бохуш цхьа гIийла стаг хилла, элана мехах чу хIоьттина.

Элано, шен доьзал баккхий хиллалца ваца а вина, ша биллина мах дIа а ца луш, араваьккхина Байгуш.

Кхи дан амал доцуш, чувагIа хIусам йоцуш, хьуьнха а вахна, хотешкахула, хьуьнан стоьмаш а бууш, лелаш хилла Байгуш.

Иштта лелаш волчу кхунна, элан йоI маре йоьдуш йу, аьлла, хезна.

Хьуьнха йуьккъехула воьдачу Байгушана, тIаьхь саттийна хаза цIен Iежаш а долуш, цхьа дитт карийна.

ДIахIоьттинчу Байгуша, "Везин Дела, воккхун Дела! ХIара аса баьккхина Iаж кхаьл–кхаьллинчунга тIердаш эхийталахь", – аьлла, доIа а дина, чет дуьззина оцу дитта тIера Iежаш даьхна.

Кхана элан йоI йига замой богIу, аьлла, шена хезчи, лечкъина шахIара а вахна, и Iежаш цхьана бошхепачу а дехкина, и бошхап коьвна чоьхьа а теттина, дIавахна Байгуш.

ХIицца схьакхочурбу-кха замой аьлла, Iуьйрина нуй а хьокхуш, керт-ков цIанда арайаьлла хилла хIара маре йоьдуш йолу элан йоI. Лелааш, оцу Iежашна тIеIоттаелла йоI.

"ЭхI-хI, ма хаза бу-кха хIара Iаж", – аьлла, схьа а эцна Iаж кхаьллинчу йоIе дердаш дийла доладелла.

ТIаккха ара йаьллачу хIокху йоIан нанна, тIердаш оьхуш лелаш карийна ше йоI.
"Ой, хьо ма йаха еха, и хьун тIердий могIа йу ахьа йаьш ерг", – аьалла, йоIана тIечIоьвхина нана.

"ХIара Iаж кхаьллира-кха ас, цул тIаьхьа хилла-кха суна хIара болх", – аьлла йоIа.

"Ой, Iаж кхаьллича хуьлу хIара санна дерг", – аьлла, баьхьина нанас а Iаж кхаьллина, тIаккха цунна а тIердаш дийла дуьйладелла.

Араваьллачу элас, хIокху шиннех баьрг а кхетта, "Ой, хIара хIу тIердийн гIовгIа йу ашшимма кхузахь хIоттийнарг, шу хьера-м ца доьвлла, хIицца схьакхочурболуш замой а бу", – аьлла, хаьттина.

"Деллахь, къонаха, ца хаа-кха, хIара Iаж кхаьллича хилла-кха тхуна хIара болх", – аьлла зудчо.

"Ой, Iаж кхаьллича хуьлу хIара санна дерг", – аьлла, баьхьина элас а Iаж кхаьллина, тIаккха цунна а тIердаш дийла дуьйладелла.

ТIаккха баьхкина схьакхаьчна замой. ЧIогIа цаьцбоьвллачу замоша, "хIара хIун цавашар ду аша кхузахь тхуна хIоттийнарг" аьлла, хаьттича, элас, бошхепа тIе пIаьлг а хьажийна, "и Iаж кхаьллича хилла тхуна хIара болх", аьлла.

"Ой, Iаж кхаьллича хуьлу хIара санна дерг", – аьлла, баьхьина замоша цхьацца Iаж кхаьллина, тIаккха массо а замо тIердаш оьхуш бисина.

ТIаккха "кху балхан хIун дийра ду тIе» аьлла, дагабоьвллачу кхара, "моллига орца деха деза вай" аьлл, молла вало цхьана кхелана тIе а хаийна, шайх цхьаъ вахийтина.

ВагIа а вагIана, кхара вагIийтинарг, молла кхелана тIе а хаийна, ша кхелан йухь а лецна вогIуш, цхьана Iинах хIара шиъ волучу хенахь, хIорш массо а ларбеш лелачу Байгуша доIа дина: "Везин Дела, воккхун Дела! Моллина, Iинчохь а сецна, кхелана тIехьа вала дагадаийталахь!" – аьлла.

Iинчу ма воьссинехь, моллас, ша вуьгучуьнга: "И кхел эцца дечках дIа а тассий, дукътIе хьалавала, со жимма Iина тIаьхьа кхуьу хьуна", – аьлла, и кхелан йухь лецнарг дукътIе а валийтина, ша кхелан тIехьа ваьлла.

И га ма гиннехь, Байгуша доIа дина: "Везин Дела, воккхун Дела! Молла кхелана тIелатийталахь!" – аьлла. Молла кхелана тIехьа, ша ма валлара, тIелетта.

Молла хьалакхача хьеваларна, дуьхьал ваханчу кхелан йухь лоцуш волчо, молла кхелан тIелетта а карийна, кхи цунна да хIума а ца хилла, ша ма варра валийна молла элан уьйтIа.

Ша лелориг диц а дина, "ой, хIара хIун тIорду гIовгIа йу аша кхузахь эккхийтинарг" аьлла, моллас хаьттича, "хIара Iаж кхаьллича хилла тхуна хIара болх", элас аьлчи, "ой хIара санна болу хаза Iаж кхаьллича хуьлу хIара санна долу хIума" аьлла, моллас а, баьхьина Iаж кхаьллина.

ТIаккха, хIара молла а тIаьхь, элан кертахь мелверг и тIердийн могIа а айина лелаш хилла.

ЦIеххьина моллина дагадеана, "хIара Байгуши болх хила мега" аьлла. "Же, чехка Байгуш схьавалаве кхуза", – аьлла, буьйр дина моллас.

ДIахьевддачу гIончаш схьавалийначу Байгуше моллас хаьттина – "хIара гIуллакх дIадерзалур дари хьоьга" аьлл.

"Дерзалур ду, хIокху элас со шен метта эла а хилийтахь, хIара замой баьхкина и шен йоI цуо сан зуда а хилийтахь, тоххура, со кхунна чохь ма–латтара, хIара элий, кхуьна зудий са йалхой а хилла дIахIоттахь", – аьлла, жол делла Байгуша.
Кхи дан хIума а ца карийна, оцу эло Байгушана шен олалла а делла, шен йоI а елла, шеххий, шен зудаххий Байгушана а, цуьнгахь йолчу шен йоIана а чухIоьттина йалхой а бина.

ТIаккха Байгуша, Деле доIа а дина, и тIерди гIовгIа саца а йина, кхелан тIелетта волу молла паргIат а ваьккхина, уьш массо а шай цIехьа а лаьхкина, шен элан йоI а ловзош, шен йалхой, – элий, цуьнна зудий а бацош, ваха хиъна.
ГIалди–булди царна, кай-бож – вайна.
 
ДIайаздина 1982 ш. Дельмаев Хьамида шен ден Вахьидан дешнашца.