***

Зарина Шаухалова
Дахарехь зен делларш дацахь а шорта
Кхолламо  схьа беъна  шен эсарехь
Хьайн къоман баланаш дагчохь а лезна
Коьртара 1аьржа чо к1айбелла хьан.

Къонаха хьо хилар цу суьрто гойту
Нохчо ц1е хиларан тоьшалла до
И ларъеш Даймахкахь дог майра ваха
Ваша хьо хиларах аса хастам бо.