***

Зарина Шаухалова
Хазчу дашо 1уьргар лаьхьа
Боккху олуш хезний хьуна?
Хазчу дашо лам башийна
Олу кица девзий хьуна?

Шен к1оргера бух а болуш
И схьадеъний хаий хьуна?
Шен бух боцу к1орге йолуш
И 1ильма дуй хаий хьуна?

Маттар даллалц цу хьай дешан
Хьуо да вуйла хаий хьуна?
Маттар даьлча цу хьай дешан
Хьуо лай вуйла хаий хьуна?

Къехьчу дешан хьо лай хилахь
Дахаран к1еж шийла хир йу
Хазчу дешан лай хьо хилахь
Вахаран чам мерза хир бу.