***

Зарина Шаухалова
Ларамза дашца галваьлла,
Цкъа вохахь хьо г1иллакхах.
Хетар вац хьо хьалхалера,
Ши капек хетар бац мах.

Елалуш со хьайга хьежча,
Атта со махеталахь.
Хууш йу Дог- ойла ларйа
Сайн дег1ан хадаба мах.

Ойла хьайн ларйан ницкъ бацахь,
Дег1ал Са аьшна велахь.
Хьо соьца гергарло лоьхуш,
Со йолчу маг1ерталахь.

Даьккхинчуьнан ду зазаг, бохуш,
Гонаха махьийзалахь.
Йа даккха хьунар а дацахь,
 Эрна бай махьешалахь.