***

Зарина Шаухалова
Дала йелла суна,
Меттан говзалла,
Бакъдериг дийцийта,
Харцо иэшайан. 

Аллах1 реза вар бен,
Кхин 1алашо йац.
Пусар аш цадарах
Со шек йолуш йац.

Сайна хуург дуьйцуш,
Кхето г1ерта со.
Амма кхета луург,
К1еззиг суна го.

Кхета луучунна,
Таро йелла цуо.
Тоьшаллина шуна,
Луш совг1атна со.

Далил гайта бохуш,
Аш ма хьийзайе
Кхета лууш волчо,
Дагца ойлайе.

1амал ц1ена йелахь,
Хаам цуо лур бу.
Са маьрша а далахь,
Новкъа воккхур ву.

Аллах1 воцург вайна,
Кхетам бала вац.
И доцуриг жайна,
Дагчохь хуьлуш дац.

Нагахь цунна т1екхача,
Кийча дацахь Дог.
Ахьа Устаз лаца,
Синан доьллуш лерг.

Дог-ойла а ц1анйай,
Цуьнга верза хьо.
Цуо 1амор ву говза,
Дела вовза хьо.

Хьайн 1амалах теший,
Ког мабаккхалахь.
Хьайн Устазе кхойкхуш,
Орца дехалахь.

Нагахь къобул вина,
Цуо т1еозохь хьо.
Иманехь сов воккхуш,
1алаш вийр ву хьо.

1акърекъат цадевзаш,
Хьан чекхйалахь хан ,
Лахьтичохь хьох жоп луш,
Накъост хир ву хьан.

Шапа1ат да хилла,
Элча г1оттур ву.
Йалсамани не1арш,
Хьуна йоьллур йу.