***

Зарина Шаухалова
Стаг галваьлла атта олу наха,
Нагахь ваьллехь некъан йуьстаг1а.
Ваьлла хила тарлой изам дехьа,
К1еззиг долчу шен цхьан г1уллакхна)

Дала шена деллачух бен цхьаннга а
Доьхур долуш дац вайгара жоп.
Дукха дийцарх кхеталур вац цхьа а,
Цо кхетаво кхето велахь хьакъ.

Цунна луьйш вайх х1орамма а оьцу,
Цуо летийнехь цуьнан къинош схьа.
Парг1ато луш воккху нийсачу новкъа,
Къинхетаме долчу адмаша.

Вайн Нохчийн къам эладитне Дала,
Гой шуна мел г1овза кхоьллина?
Г1****ашца жим-жима цхьаоьцуш,
Къин-мохь боькъуш вовшашна г1о дан)