***

Зарина Шаухалова
Серлоне кхийдаш сан Дай цалаьлла,
Уьш лелла шайн синойн серло ларйеш.
1аьржачу меттехь ч1урамо санна,
И серло шайх гойтуш баьхна бу уьш.

Лелла уьш, шайн Дегнийн не1арш йиллина,
Цакхуош адмашна кхийдош серло.
Вохвина хийла,  шелвелларг цара,
Цакхоьруш кхачорна Деган йовхо.

Боданехь диссина и г1ийла синош,
Серлоне кхойкхуш уьш тоьшаллаш деш.
Лелла бу Нохчийчохь и авлияаш,
Вайн Делан новкъа, адам нисдеш.