***

Зарина Шаухалова
Дахар ду Нохчийчохь кхехкаш,
Ирсана туьйсуьйтуш к1еж.
Делахь а Дуьне ду техкош,
К1изаллин х1иттадеш теш.

Дуьненан Дог хилла лаьтташ,
Сан Нана-Нохчийчоь йу.
Дог санна и ларйан йезаш,
Хиларна вай тешаш ду.

Вайн махкахь низам ду латтош,
Кху махкахь хиларна Да.
И лардеш само вай цайахь,
Дуьненна хир бац пайда.

Дагна цхьа цатам баьлча,
Деригге дег1 лазадо.
Ткъа д1ег1ан п1елг лазабаьлча,
Дагана хаамаш бо.

Само йеш Даго цахилча,
Лазаран терго а йеш.
Йожарна кхиэрам бу меже,
Дег1ана иэшамаш беш.

Цундела лардо вай Дуьне,
Цуьнан лазам цатуьттуш д1а.
Дог дийна хилар а гойтуш,
Хиларна Нохчийчохь Да!