Ворх ге долу газа. На чеченском языке

Хамид Дельмаев
Чеченская народная сказка.

Цхьана дийнахь йажа-кхажа йагIана гезарий. Цхьа газа хилла – цхьа ге долуш, важа газа хилла – ши ге долуш, кхозлагIа газа хилла – кхо ге долуш, еолха газа хилла – диъ ге долуш, пхеолха газа хилла – пхи ге долуш, йалхолха газа хилла – ялх ге долуш, ворхолха газа хилла – ворх ге долуш.

Сийна байтIе а йоьвлла йежаш хилла гезарий. Цхьа хан йаьлчу хенахь, “со йуьзна, цIа гIой вай”, аьлла цхьа ге долчу газано. “ХIан-хIа, хьа цхьа ге бен дац, цундела йуьзна хьо, тхо дузанза ду, дIа цIа гIо хьайна”, аьлла вукха гезарша. “Дика ду”, аьлла, цIехьа новкъа йаьлла цхьа ге долу газа.

Некъ цхьана Iинчухула болучу меттаьхь, гезана доьхьала йаьлла цхьа нана-йоккха борз – тарраш санна йаккхий-ира цергаш а йолуш, кедаш санна даккхий бIаьргаш а долуш. Буьрсачу озанца хаьттина барзо: “Хьо мичара йогIу, газа-гуьзалг?” Дуьткъачу озанца жоп делла цхьа ге долу газано: “Йажа-кхажа йагIана йогIу”. “Хьа цогуна пха хIунда баьттало?”, хаьттина барзо. “Хьох къоьруш баьттало-кх”, аьлла газано. “ГIапп”- аьлла, тIекхетта, газа дIакхаьллина барзо.

Цхьа хан йаьлчу хенахь, “со йуьзна, цIа гIой вай”, аьлла ши ге долчу газано. “ХIан-хIа, хьа ши ге бен дац, цундела йуьзна хьо, тхо дузанза ду, дIа цIа гIо хьайна”, аьлла вукха гезарша. “Дика ду”, аьлла, цIехьа новкъа йаьлла ши ге долу газа.

Некъ Iинчухула болучу меттаьхь, гезана доьхьала йаьлла и нана-йоккха борз. Буьрсачу озанца хаьттина барзо: “Хьо мичара йогIу, газа-гуьзалг?” Дуьткъачу озанца жоп делла ши ге долу газано: “Йажа-кхажа йагIана йогIу”. “Хьа цогуна пха хIунда баьттало?”, хаьттина барзо. “Хьох къоьруш баьттало-кх”, аьлла газано. “ГIапп”- аьлла, тIекхетта, ши ге долу газа дIакхаьллина барзо.

Цхьа хан йаьлчу хенахь, “со йуьзна, цIа гIой вай”, аьлла кхо ге долчу газано. “ХIан-хIа, хьа кхо ге бен дац, цундела йуьзна хьо, тхо дузанза ду, дIа цIа гIо хьайна”, аьлла вукха гезарша. “Дика ду”, аьлла, цIехьа новкъа йаьлла кхо ге долу газа.

Некъ Iинчухула болучу меттаьхь, гезана доьхьала йаьлла нана-йоккха борз. Буьрсачу озанца хаьттина барзо: “Хьо мичара йогIу, газа-гуьзалг?” Дуьткъачу озанца жоп делла кхо ге долу газано: “Йажа-кхажа йагIана йогIу”. “Хьа цогуна пха хIунда баьттало?”, хаьттина барзо. “Хьох къоьруш баьттало-кх”, аьлла газано. “ГIапп”- аьлла, тIекхетта, кхо ге долу газа дIакхаьллина барзо.

Цхьа хан йаьлчу хенахь, “со йуьзна, цIа гIой вай”, аьлла диъ ге долчу газано. “ХIан-хIа, хьа диъ ге бен дац, цундела йуьзна хьо, тхо дузанза ду, дIа цIа гIо хьайна”, аьлла вукха гезарша. “Дика ду”, аьлла, цIехьа новкъа йаьлла диъ ге долу газа.

Некъ Iинчухула болучу меттаьхь, гезана доьхьала йаьлла нана-йоккха борз. Буьрсачу озанца хаьттина барзо: “Хьо мичара йогIу, газа-гуьзалг?” Дуьткъачу озанца жоп делла диъ ге долу газано: “Йажа-кхажа йагIана йогIу”. “Хьа цогуна пха хIунда баьттало?”, хаьттина барзо. “Хьох къоьруш баьттало-кх”, аьлла газано. “ГIапп”- аьлла, тIекхетта, дIакхаьллина диъ ге долу газа барзо.

Цхьа хан йаьлчу хенахь, “со йуьзна, цIа гIой вай”, аьлла пхи ге долчу газано. “ХIан-хIа, хьа пхи ге бен дац, цундела йуьзна хьо, тхо дузанза ду, дIа цIа гIо хьайна”, аьлла вукха геразша. “Дика ду”, аьлла, цIехьа новкъа йаьлла пхи ге долу газа.

Некъ Iинчухула болучу меттаьхь, гезана доьхьала йаьлла нана-йоккха борз. Буьрсачу озанца хаьттина барзо: “Хьо мичара йогIу, газа-гуьзалг?”, аьлла. Дуьткъачу озанца жоп делла пхи ге долу газано: “Йажа-кхажа йагIана йогIу”. “Хьа цогуна пха хIунда баьттало?”, хаьттина барзо. “Хьох къоьруш баьттало-кх”, аьлла газано. “ГIапп”- аьлла, тIекхетта, пхи ге долу газа а дIакхаьллина барзо.

Цхьа хан йаьлчу хенахь, “Со йуьзна, цIа гIой вай”, аьлла йалх ге долчу газано. “ХIан-хIа, хьа йалх ге бен дац, цундела йуьзна хьо, тхо дузанза ду, дIа цIа гIо хьайна”, аьлла вукха гезарша. “Дика ду”, аьлла, цIехьа новкъа йаьлла йалх ге долу газа.

Некъ Iинчухула болучу меттаьхь, йалх ге долчу гезана доьхьала йаьлла нана-йоккха борз. Буьрсачу озанца хаьттина барзо: “Хьо мичара йогIу, газа-гуьзалг?”, аьлла. Дуьткъачу озанца жоп делла йалх ге долчу газано: “Йажа-кхажа йагIана йогIу”. “Хьа цогуна пха хIунда баьттало?”, хаьттина барзо. “Хьох къоьруш баьттало-кх”, аьлла газано. “ГIапп”- аьлла, тIекхетта, йалх ге долу газа дIакхаьллина барзо.

ТIаккха, тIаьххьари а, ворх ге долу газа йуза а йуьзна, цIехьа новкъа йаьлла. Некъ Iинчухула болучу меттаьхь, ворх ге долчу гезана доьхьала йаьлла и гезарий а йиъна йуьзина Iаш йолу борз. ДIахьаьжчи цунна гина шен тIейогIуш йолу нана-йоккха ворх ге долун газа, тарраш санна йаккхий-ира маIаш а йолуш, кедаш санна даккхий бIаьргаш а долуш. Дуткъачу озанца хаьттина барзо: “Хьо мичара йогIу, газа-гуьзалг?”, аьлла. Буьрсачу озанца жоп делла ворх ге долчу газано: “Йажа-кхажа йагIана йогIу, берза-тIуьзалг”. “Хьа цогуна пха хIунда баьттало?”, хаьттина барзо. “Хьох цакъоьруш баьттало”, аьлла, маIаш тоьхна барза гай датIина газано. Гайчуьра аралилхина барзо хьалха дIакхаьллина хилла моссоа йалх газа.
ТIаккха и ворххи газа шай цIа йагIана, борз, шен са дIадаллалца, Iинчохь Iилла йисина.

Дийцина Дельмаев Вахьида 1960 шершкахь. ДIайаздина Дельмаев Хьамида.
2024.