Дахаран гуонаш

Дахо Алви
 ДАХАРАН ГУОНАШ…


ХIума а, хилам а
Сеццина лаьтташ дац.
ДогIа а догIу-кха
Цкъа гIийла, тIесерсаш,
Цкъа гуттара чIогIа,
Чухьаддачу хих тарлуш,
Йа махца, дарц хуьлий,
Йа лайца ийна…

Эвла хадош догIу Март
Сан жималлехь кхин дара.
Ткъа тахна-м цуо хьоьсту
Ша-тайпа сан дог-ойла…

Гуьйре а йара дуьххьара
Со винчу шарахь…
ХIинца тIейеънариг
Хила тарло тIаьххьара…

Бецан хелиг а дужий,
Дахкалой дIадолу…
Юха-бIаьста керланиг,
Иштта дуожа, долу…

Вахар а хуьлуш дац
Шерашца дуьстина…
Лелаш дерг рицкъ ма-ду…
Кхоьллинчо делла…

Цуьнан бустам, - даиман,
- Хьох даьлла беркат.
Юьхьенца хуьлу вай
Ненана кийрахь…

Цул тIаьхьа жимачо
Ког лаьтта луьйзу,
Амма тIаккха воьрзу стаг
Цу лаьттан кийра…

Дуьненчу волург а
Хастамца волийла.
ХIорачун Iер-вахар
Беркате хуьлийла.

Са Маьрша долуш,
Куьг Маьрша долуш,
Вуониг дIатеттина,
Хьанал дерг лохуш.

23.09.2021 ш.