Юсупов Ибрах1им Поэзин дашо хьоста

Литературный Клуб Даймохк
Юсупов ИбрахIим тIаьхьо веара «Пхьармат» литературни цхьаьнакхетаралле. ХIетахь «Пхьарматан» заседанеш комсомолан обкомехь хуьлура. Иза веара цига шеца Веданарчу хьаннаша литтина  поэзин керла хIаваъ дохьуш, ламанан шовда санна, цIеначу, мукъамечу байташца.

ХIетахьлерачу Iедало  мелла а ойланаш кхолийначу «пхьарматхошна» Iаламат чIогIа оьшуш а, дарбане а яра  иштта дахарх тешавен поэзии.

Суна хьалххехь евзинера цуьнан воккхах волчу вешин  Юсупов Iилманан стихаш.  ИбрахIиман поэзи Iилманачух къаьстара васташ чолхе ца хиларца, шовкъех, синхаамех кхехкаш хиларца. (Iилман мелла а шийла а, хьекъале а, чолхе, кIорге васташ дезаш а ву)

ИбрахIим ша а вара, шен поэзи санна, кхехкаш, дахарх Iаба ца туьгуш, и доггах дезаш стаг. Иза сиха вара  - шена лаьтта тIехь яккха йиснарг кIеззиг хан юйла хууш санна – доттагIийн, Iаламан, безаман, кхоллараллин марзонаш йовза. Цунна везаш а, цо гочвеш а вара оьрсийн поэт Есенин Сергей.

ИбрахIиман амалехь самукъане хиларца цхьаьна цхьа шатайпа сингаттам а хаалора.  Шена хиндерг хууш санна, язйинера цо «Аьрзунан нана» стихотворени. Шен кIорни яйна, балано хьовзийна, «чубузучу малхах шен накха бетташ» йоьхна хьийзачу нана-аьрзунах яра и стихотворени. Кестта иштта бIаьрзе хьийза йисира ИбрахIиман шен нана а.

Иза дара I982-чу шарахь, бIаьсте аьхкене йоьрзуш, Веданара хьаннаш –гIана, лаьмнаш – бацана дукълучу хенахь…

Иттех шо дIадаьлла хIетахь дуьйна. ИбрахIиман стихаш тахана а ю вайца. Уьш, хьалха санна, дагах кхеташ а, бакъ дахаран аматаш шайца долуш а ю. Цо а гойту Юсупов ИбрахIим нохчийн литературехь дан кхиънарг, ханна доцуш, гуттаренна а хилар…

Ахмадов Муса, нохчийн яздархо.

«ОРГА» журнал, 1992 №3.



Нохчийн халкъан  яздархочо Ахмадов Мусас хеназа кхелхинчу поэтах Юсупов ИбрахIимах лаьцна язйина «БIаьстенан похIма» статья ешча, сайн кхоллаелла ойланаш  йохку ас шун кхиэле.

Юсупов ИбрахIиман кхолларалла боккъал а цхьа ша-тайпа адамаш тIеуьйзуш дашо хьоста ду, цкъа цуьнах къурд бинарг, юьстах а валалур воцуш. Дела реза хуьлда цунах лаьцна хIокху агIон тIехь яздеш волчунна.

Стихи. ру сайта чу яьлча, дуьххьара цкъа цуьнан поэзих бIаьрг кхийтира сан, амма юха, цуьнан биографи ешначул тIаьхьа, халахийтира, и дуьненчохь воцийла сайна хиъча.

Iаламат хаза, дагах кхеташ ду ИбрахIиман байтийн могIанаш. Есенин дага а дера вогIу литература евзаш волчунна. Кхолларалла реминисценцеш ю аьлла язйина Канташан ойланаш а карлайовла там бу кхузахь. Классически поэзин хIордах кхача беш ца хилча-м боккъал а къен хила мегара муьлхха а кхолларалла. Бакъду, дукха хьолахь суна хIора поэтан шен къаьсттина шатайпаналла го, иза йоцуш верг литературехь хенан йохалла виса а ца вуьсу.

ИбрахIим, доцца аьлча, «самородок» (дашо б1елиг) хилла, иза кхин а ваьхнехьара, олий а хетало.  Делахь а, Делан кхел ца лелча ца йолу...

Цуьнан вешин Iилманан байташ а ешна аса, къаьсттина I992 шарахь арадийлинчу «Орга» журналан агIонаш тIехь а, юха цуьнан шен къаьсттина араевллачу байтийн гуларш тIехь а, масала, «Заманан мазлагIа», «Иэсан гIу». Иштта, интернетан агIонаш тIехь карийна а ешна аса цуьнан байташ.

Амма Iилманан васташ «шийла» ду бохучуьнца реза хила хала ду, аса-м хьекъале васташ эр дара царех. Юьхьанца Леча Абдуллаевн а дара иштта чолхе иллеш. Суна хетарехь, замане хьаьжжина бен схьакъеда йиш яц поэзин малх дахаран Iомара я шовданера.

Даггара язйина, сирлачу синхаамех литтина ю ИбрахIиман бIаьрла поэзи, ткъа синхамашна тIехь олалла латторца билгалйовлу цуьнан вешин байташ.

Стих хIотторан Iилма кIорггера девзачарех цхьаъ ву Iилман. Цуьнан сонетийн кочарш, масала,  «Иэсан гIу» вуно чIогIа ритмица а, рифмица а нисйина, маьIна ца дохош хIоттийна а ю, хьалхарчу строфан тIаьххьара могIа рогIерчу строфахь хьалхара а нисбеш. Иза йоккха корматалла а, говзалла а хета суна.

Россин 20-чу бIешеран «Даточу оьмаран» литературехь билгалбийлинчу поэтийн (К. Бальмонт, В. Брюсов, иштта дIа  кхин а) башхаллаш а го суна Iилманан стих хIотторехь, стихосложенин Iилма кхиорехь. Цуьнан байташкахь вастийн дукхалла хаало (имажинизм), амма нохчийн литература керлачу тIегIанна тIеяларан билгалонаш ю уьш, керланиг лехарца бен кIарг ца ло къоман культура. Массо а санна хила а ца гIерташ, шен керла йозанан хатI а, шатайпана вастийн кеп а ю Юсупов Iилманан кхоллараллехь.

Нохчийн литературехь дуккха а ду алаза дисинарг а, дастаза дисинарг а. Оцу Iалашонца ас туьдун ерг уггаре а хьалха шаьш биц бан хьакъ доцучу поэтийн кхолларалла ю. Царех уггаре а сан сина гергарниг Юсупов ИбрахIим ву. Суна чIогIа хазахетар дара цунах лаьцна хетарг олуш стаг карийча хIокху стихи.ру сайтехь. Цуьнан кхолларалла зорбане яккхарна Дела реза хуьлда.

Аса денна тидамехь латтайо Юсупов ИбрахIиман агIо - нохчийн къоман бакъ а, хьакъ а йолчу литературех даим дог лозуш со хиларна.


 


http://www.stihi.ru/avtor/btother



© Copyright: Петимат Абубакарова, 2011
Свидетельство о публикации №211110701524