Жималлера аьзнаш Абу Исмаиловх доцца

Литературный Клуб Даймохк
  Дукха хир бац вайн махкахь нохчийн халкъан яздархо Абу Исмаилов ца вевзаш.
Цуо арахецна "Дош" ц1е йолу жайна массо а нохчийн меттан доттаг1чун стоьла книжка хилла д1ах1оьттина.
"Йозанаш" ц1е йолу шина -прозин а, поэзин гуларан автор а ву Абу.
Цуьнан берашна лерина туьйра "Бирдолаг" философски чулацам болуш, шуьйра проблематика йолуш  произведени ю.
Иза 1амайора оха Соьлжа-г1аларчу педколледжехь, берийн литературан дарсашкахь.
Кхушара тхан еша таро хилира цуьнан керла гулар"Жималлера аьзнаш"
Цу книги юккъе дахана  масех дийцар,туьйра,байташ.
Ч1ог1а хазахеташ т1еийцира хинболчу юьхьанцарчу ишколан хьехархоша и гулар. "Жималлера аьзнаш" -вайн къоман 1ер-дахаран дуьззина васт.
Дукха берашна ца девза дийнатийн дуьне.
Х1окху дийцаро берашна бовзуьйту дийнатийн мотт, иштта цаьрца доьзна хаза г1уллакхаш.
"М1айстойн кхел" -маь1не туьйра, берийн хьекъал-кхетам кхиабо, барта кхоллараллийца з1е а юзу.
"Некъ"... Х1ара байташ дагахь 1амийра студенташа.Оцу байтийн коьрта ойла "Айхьа хьайн некъ билла, некъ бита нахана ала:" Ма деса ца хилла хьан нанас техкийна ага!"- пайдехь т1е1аткъаме хирг  хиларх тешна ю таханлерачу массо а дешархошна, хьехархошна,массарна а,дика дебош къахьоьгучарна!Дала т1аьхье беркате йойла!
Йоккхае Абу Исмаилов вайн къоман волуш.Дала дукха вахавойла иза вайна!


© Copyright: Петимат Абубакарова, 2018