Бекка избранный

Салахаддин Яхья
    


     Йахьйан Салахьаддин




         киносценари


 

                БЕККА



               















 
 
ЗТМ
                Дохк йу 
 
Титраш йуьйлало

Лаьмнашкахь хаза 1аламан меттигаш йу гуш

Корта хьовзал исбаьхьа йу уьш

Йоь1ан дуй къаьсташ йоза йаздеш куьйгаш го

Зорг гучуйолу цунна лахахь

И кехат йуха т1ек1ел дуьллу

Бинжолг бу мохо д1асахоьхкуш

Кадрана т1ехьара къамел хеза

Зелемха
Адам дуьне хийца х1ун г1ерта, х1ара шаьш кхоьллина долуш санна?
Бекка
Адам ша ду хийцадала дезарг. Шена т1ера къа д1адаккха.
Зеламх
Х1ун ду аьлла хета хьуна адамийн къа? 
Бекка
1ехадалар ду, ша 1ехадайтар.
Зеламх
К1елхьара довла некъ буй?
Бекка
Безаман ницкъ боккха бу.
Зеламх
Йо1 йезайелчий?
Бекка 
Аллах1е болчу безаман ницкъ буьйцу вай. Стагана ша к1езга х1ума йуй хааро.
Зеламх
Суна дагадог1ара дацара иза. Хьоьгахь пох1малла ду… Цхьаьна-шина дашца муха эр дара ахьа иза?
Бекка
«Маьхьарца веанарг – йишхаьлла воьду».
Зеламх
Адам «ас-со» аьлла ду, цуо иза шецара д1адаккха деза…
Бекка
Иштта ала а мегар ду.
Зеламх
Хьуна мила хила лаьа воккха хилча?.. Суна лор хила лаьа.
Бекка
Иза мичара дела х1инца?
Зеламх
Авари а йина лазийна нах бала ца балийта… Сан ненан ненахойн цхьа йо1 йу больницехь, цунна т1е машен тоьхна. Ч1ог1а хаза йо1 йу иза, суна цкъа-шозза гина иза; хьалхарчу курсехь доьшуш а йу иза, г1алахь, Университетехь. Вайнарш цунна т1аьхьа баха безаш бу.
Т1аьххарчу къамелан декъехь гуш хир ву х1ара шиъ, бинжолган т1ехь. Шаьшшиъ д1аса вирзина а волуш. Йо1 лазийна аьлча Бекка охьаэккха цу т1ера.
Бекка
Сан г1ан декхадели-кх иштта. Г1енах а, вайха ч1ог1а хькхаделлера иза. Райанина  хьалха туьйха цаьра.
Зеламх охьаэккха х1инца.
Зеламх
Ас боху-кх хьоьга: хьо цхьа бекка адам ма ду. Дала т1е тидам бахийтина хьуна. Массарна а, ахьа, г1алахь деша лаьа, хьо лома хиъна 1аш ву.
Бекка
Милла а сайх хилахь а, Аллах1 сайна реза хилийтар…
Сайх х1ун доллу хьажа; мел, х1ун дан кийча ву; доьналла меллана тоьур ду…
Зеламх
Аллах1умма барик! Цхьа к1ант ву-кх хьо, Бекка. Со тешна ву-кх, хьо массарца а ларор ву аьлла.
Бекка
Хьо-м хир ву, Зеламх, амма суна, сайн г1уллакхашца ган лаьа иза… Цу йо1ан наха, ч1ир ма хьиейахьара – машен т1етохначаьрга.
- Хьуна х1ун хаьа? Г1енахь? – Бекка корта лестош ву:-Х1аъ,-аьлла.

Соьлжа-г1ала. Высоткаш йолчуьра камера маьждигна т1е а йоьдуш, новкъахь лаьттачу ГАИ-н белхалошна т1ехь соцу. Йуха шена т1ехь йохийна Мерс а йолуш эвакуатор т1ехйолу. Арара г1овг1а, д1асалела нах. Эвакуатор ГАИ-н кертахь сецна, Мерс цу т1ера охьайоккхуш бу. Следователь Хасанбек т1евог1у. Цуо шен болх бо. Цу хеннахь, доккха хаза дина ц1а ду. Камера цу керта йоьду. Йуха цу чуьра цхьа чоь гойту. Цу чохь наний цуьнан мехкарий а болуш. Арара г1овг1а д1айов. Чохь г1ийла доьшуш Къуръан а хеза. Цуьнга ладуг1уш йу Мелисса. Дехьара чохь хабарш а хезий, цуо къуръан сацадо, йуха вукхарна т1е йоьду.

Мархина, кхуьнан йо1арша т1егуллой гуо бо.
Асият
Дала маршалла дойла цу йо1ана. Ч1ир хьейан мега бохура…
Марха корта лестош шен мехкаршка хьежа х1утту. 
Зараъ
Ца хууш хилла долчунна ч1ир х1унда хьейо ца хаьа-кх суна. Вайн нохчех х1ун хила доллу техьа?
Эцца хенахь чоьхьа волу и дешнаш хезаш волу Бакар а.
Зайнап кхунна дуьхьал а хьодий, хотту.
- Дада, со т1е машен а тоьхна цхьаммо йехь, ахьа иза а вуьйр ву?
Бакарна ла хала хаттар ду йо1а динарг. Мархе д1ахьожу х1ара.
Бакар
Сан зезаг, хьуна тухур ма йац цхьаммо а т1е машен. Цхьанне а тухур ма йац. – Хьосту кхуо йо1.
Дехьара чохь.
Чингиз
Вайн дайн г1иллакхашца, хьо къайлавала везаш ву, цу нахана хьо ца гойтуш цхьанхьа а. – Стенгахь хир ду иза? – Лома ч1ожехь, цхьаьна к1отарахь. - Къора меттиг ма йу иза? - Йу. Амма х1оьттинчу хьолаца йог1уш йу. – Вай, со-м хьер вер ма ву суой цигахь? – Хьуо хир вац хьо. И меттигаш дика йевзушверг а хир ву хьоьца накъост.
Рашид
Ткъа 1едал белхалошна х1ун до аша? Цаьра могуьйту къайлавалар шайх?
Чингиз
Цаьра хан ло: ч1ир хьейо - ца йо, хаьъалца. Анализаш хьоьгара цаьра эцна. Вуьшта, махкара аравала дихкина хьуна.
Рашид
Масех дей бен дацахь реза хир ву со, г1иллакх дац, баккхийчара аьлларг ца до, - ца алийта.
Чингиз гучуволу кху чохь. Бакар Мархе д1ахьожу мехкарий д1абига бохург ала.
Марха
Х1ан, дуьлол, суна г1о дийра ду аш.
Чингиз
Иза реза хила хьала ваг1а, масех денна. Вай масла1атна бахийтанчарех цхьа а гучу ваьлла а, йа з1ене ваьлла а х1умма а дуй?
Бакар
Цкъачунна дац. Вайна х1инца 1уьйре бен йац. Лоьруш болчу цаьра цхьа а т1е ца вуьту, иза ч1ог1а дика дац, Чингиз.
Марха т1е йог1у кху шинна.
Марха
Сан са тие дайша: и йо1 лахь боккъал а Рашид вуьйр ву цаьра? Цаьрга иза витийта дан х1умма а дац шу? Х1ора денна аьлча санна ма йу авареш йеш лаьтташ?

Цхьа хан йолу х1орш вовшашка хьовсуш. Бакар, боккха къурд бой вист хуьлу, мелла а бос хьо кхуьнан.

Бакар
Аллах1 воцчунна хин дерг ца хаьа. Ткъа вай, ницкхочург а, ца кхочург а дийр ду иза витийта цаьрга. Цкъачунна ломахь хир ву иза, масех денна. 1аьйндига аьлла аса, цигахь меттиг кийча хилийта. Цуьнца Селам а хир ву, хьан йишин к1ант. Новкъа ваккха кечам бе хьайна.

Камеро панорама йо ломахь, йоьду-уш лаьмний баххьашка йолу иза. Йеха фокус йолчу б1аьргаца доху цуо суьрташ. Шуьйта боьду новкъа йог1у ши машен, хьалхий-т1аьхьий х1оьттина. Т1аьххьарлера дешнаш хезаш ду кадрана т1ехьара.
 
Ч1ог1а лекха стаг ву ломахь лаьтташ. Иза генна д1ахьоьжуш вуйла гуш ду. Камера цунна герга йоьду.   Стаг, аьттун аг1ора т1ехьара гуш ву х1инца. Лаьмнийн мог1арш гойту. Стаг д1аволало охьанехьа. Кхин д1а цуо, охьа, чу бен некъ гойту (дакъошкахь). Цхьаьна, хьун йолчу кхаьчча иза соцу.
Цигахь жа хуьлу дежаш, жа дажош Бекка а, д1анехьо
ловзуш бераш а. Х1ара стаг а гой, уьш берриш а кхуьнга
хьежа х1уьтту, цецбевла а бу уьш. Камеро генара план
гойту стеган. Кхунна т1ехь долу духар кхузахь цхьаммо
а лелош хуьлуш дац. Х1ара бедаро д1ахьулвина ву.

Коьртахь а йу башлык санна йолу к1адих тиллинарг.
Генара вог1у некъахочунах тера ву х1ара. Мехаша, некъа
халоно - хьачвина. Иштта, бераш хьоьжуш а долуш и стаг
д1авоьду. Кхуьнан гира мохь, нуьрех лиэпа. Х1инца камеро Бекка гойту цу стагана т1аьхьа хьежа висначохь волуш. Лаьттина, Бекка т1аьхьа воду
цунна, амма иза къайлаваьлла караво кхунна.

Бекка
Суна г1енахь ма-гарра… Мила ву хьо? Стенга воьду? Саца ма ца сеца, вист а ма ца хила… Х1унда?

Иштта д1а латта вуьсу х1ара, шен хаттаршца холчу а х1оьттина. Бераш девда схьа т1е дог1у.
Зеламх
Мила хира вара иза Бекка? – Беккас корта лестабо ца хаьа бохуш.
Зеламх
Хьоьга ма ч1ог1а хьоьжуш вара иза? Ларлолахь цунах. Цунна т1ера и духарш а муьлхачу къоман духарш дара хьов? Гехь йерг а х1ун хин йара цуьнан, къегина йолу, стенна? Цхьа шира заманара стаг ма хийтира суна-м иза?
Бекка
Суна ца хаьа, Зеламх. Шеца новкъа д1авола бохурий-те цуо соьга?
Зеламх
Стенга д1авола? Гирий хьуна мел лекха адам дара иза? Йа 1ожаллла йара иза?
Бекка
Адам Пайхамар-м вацара техьа иза?! Т1аьхьаваг1а везаш хиллера со. Х1инца х1ун дахьа а ца хаьа.
Зеламхи бага г1аьттиначохь йисна, дукха инзаре цецваьлла. Бекка жа долчу аг1ора д1ахьоду ведда. Бераш вовше а хьовсий д1а т1аьхьа хьолху цунна. Камеро Шуьйта боьду новкъа йог1у машенчуьра гойту.
- Соьга машен саца цалой гуш ма йара иза, дерахьаш(тормоза) болх беш йацара… – Шен шина куьйга корта лоцу.
1аьйнди
Экспертизо гойтура ду иза а, иштта иза делахь.
Рашид
Иштта дара и-м. Суна ма хаьа сайн, цара болх ца бирий…

Тийналла х1утту. Селамна и къамел ца товий схьадуьйцу цуьнан йуьхьмаршо. 1аьйнди а кхийта цунах. 1аьйндис кхуьнан белшах куьг туху. – Шадерг а дика хир ду, Селам! - Кхин цхьаммо а дош ца олуш х1орш машен хехкина хьала боьлху. 
Маьждигехь: Идрис, Ризван, Давуд, Амин, Билал. Саламаш ло.
Ризван
Билал, тхо хьо ларвеш дара. Хьо новкъахь вуй а хиъна. Х1ара Амин, вайн накъост ву. Ас элара хьоьга. Мансур   хьан воккха хьаша вуйла а хиъна, хьоьх дагавала а, хьоьга дехар дан а веана ву х1ара Амин а, кхуьнца волу накъост а. Оцу к1ента наха ваийтина ву х1ара шиъ, масла1атан некъ лохуш.
Билал
Бакъ ду иза, - боккха бохам бу царна хилларг. Йо1 цхьаъ бен йоцуш, ч1ог1а хьоме йу церан иза, къаьсттана цуьнан
ден – Мансуран. Вуно дарвелла ву иза. Массо а бу уьш ч1ог1а дера. Дала цунна маршалла дойла. Ч1ог1а таь1ана йу иза х1инца. Цигара схьавог1у со.
Амин
Делор, ч1ог1а къа ма хета тхуна а цу йо1ах а, цуьнан жималлех а. Массо а адам ду холчахь. Дала даха а, дала
а кхоьллина-кх вай. Некъ боьрзучохь чекх долу-кх вай дахар а. Орцан мохь бахьаш веана-кх со, масла1атан
хьоьга йукъа валар доьхуш. Церан йо1 цхьаъ бен йац, кхеран к1ант а вац цхьаъ бен. Шайн дег1аца вуон
деанарш: дера а хуьлу, кхераме а хуьлу. Цаьрга ца хьожуш йукъарчара дов а, т1ом а, чов а сацо йезаш хуьлу-кх, Аллах1е вайна оьг1азло ца йайта. Иштта схьадеана-кха вайн варе дайшкахь а дуйна.

Шен куьг хьоькху можан т1оьхула, иза охьа ийзош. Билал 1аш ву вист а ца хуьлуш, шаверг а ву 1аш, ладоьг1уш.
Билал
Амин, шадерг а царна дуьхьал ду цигахь. Иза жима стаг ца хиллехь, тоххура цера керта лилхина хир бара уьш.   Ризвана шу ду даьхкина аьлла, аша х1ун боху хьажа схьачухьевзина со кхуза маьждиге. 
Амин
Хьо цаьрга вист хилча, хьан дош деза хир дара цаьрна.
Билал
Вайна йукъареллехь дешан мах ч1ог1а лахбелла. Вайн дайшна кехатан ч1аг1о а ца эшна, къонахчун дош хилла массанхьа а лелаш дерг.
Давуд
Цхьанна, ч1ог1а луучух тера ду-кх: вай къам ч1ирашна йуккъехь ц1ийла керчийта, вовшийн дойъуш. Нохчий майралла хьалха йоккхуш вацахь, х1инца и нахчо а вац, аьлла хоьтуьйтуш болх беш йу дуьненна йукъара СМИ-ш.   Вайн 1илманчаш цхьаммо а, йа цхьанна меттехь а, хьехош а бац. Хьанна оьшуш ду техьа иза?
Билал
Вайна-м ца оьшу. Дика ду, Амин! Дела Шен дуьхьа вист хир ву со цаьрга. Ахьа суна г1уллакх довзийта ша ма-дарра.
 
 
Бекка, 16-17 шо хир долуш к1ант ву. Кхуьнгахь йу цхьа мор говзарш. Царех цхьаъ йоьшуш ву х1ара х1инца. Кхуьнан 1ар, бинжолг т1ехь ду. Гуонах дежаш жа ду, уьш лардеш ж1алеш а долуш девда хьийзаш. Х1окхо, йоьшучуьра соций дикка б1аьрг кхарстабо и стаг гой хьоьжуш. Тера х1ума ца хааделла, х1ара йуха а говзарна т1ехьежа х1утту, ша 1ачехь. Хьала айвеллачера йуха охьа а вог1уш. Наггахь куьйга эшара са долу х1умнаш д1акъахкайо кхуо. Гена воцуш Зеламха а ву жа дажош.  Оццу хенахь Рашидар бу машенахь т1ехбовлуш, жимма дехьарчу новкъа. Рашид кхуьнга аг1ора схьахьожу, х1ара цуьнга хьожу, вовшийн б1аьргаш чучча хьожу. Рашид х1умма а самукъа даьлла вац, цхьа а х1ума бен доцуш санна. Бекка а гой, йуха цуо дажош долу жа а гой, велало: - Жа дажу-х ца дезий сан! Иза ца веша Бекках, т1аккха. Шиел а лахара хета цунна Бекка, цхьа мисканах тарло. Цу ойланашца мар ирах боьду цуьнан, кхузахь т1ехволучу йукъанна. Х1инца иштта ирча а дац ломахь, аьлла, дог мелла а парг1ат долу цуьнан.
Рашид
Х1ара 1уй гуш 1ан веза сан кхузахь? - г1ам-г1им до.
1аьйнди
Адам массо а х1умнах д1адулу… Муса Пайхамара а (1алайх1и салам), вайн Пайхамара а (соллаллох1у 1алайх1и ва саллама) дажийна жа. Иза иэхье лоруш дац.
Рашид
Хьох-м кхеран адвокат ма хила. Г1уллакх иштта делахь, тхоьца болх х1унда бо ахь? Хьайна жа иэций кхузахь: вахаъ, 1аъ - хьала вуола.
1аьйнди - Дика х1ума дагадаийта ахь суна. Жа иэца деза ас сайна. Хьо кхузахь волчуьра… Х1ете а, со шун балхахь вац, болх-некъ тхан йукъахь бу, - хьан децани. Сан дакъа ах а долуш.
Новкъа йог1у Насу а, цуьнца цуьнан веши йо1 Пет1амат а.
Пет1аматах б1аьрг кхетий Бекка цуьнга хьежначохь вуьсу, метта ван а ца кхеташ. Йо1ан а тидам хуьлу кхуьнан. Шен йовлакх тодеш х1умнаш леладо, х1ара жима хетахь а шена. 1аьйндина а йевзу Насу.
1аьйнди
Насу де дика хуьлда хьан. Х1ун деш ду, могуш 1ай? Ларадой?
Насу
Вай, 1аьйнди, хьо ма ву х1ара-м. Мел хиш д1аихи, мел дукха шовданаш мийли, хьо гучу ца волуш. Алхьамдулиллах1! Дала диканца кхобу тхо, тхан ледарлонашкахь хьежна воцуш. Шу а, дуй могуш-маьрша? Хьайн цхьа г1уллакх хилла веана хир ву хьо хьала. Тилвелла-м лела хир ваций хьо?

1аьйнди
Х1аъ, иштта цхьа г1уллакх долуш веана, вуьшта, лиъча а вар-м ца хуьлу; дуьненан белхаша т1етт1а 1аь1ча эхартана хан к1езга ма йуьсу. Са го а моьттуш б1аьрзе бу-кх цхьаберш, со а т1ехь.
Насу
Тхо долуш ду-кх хьуна, х1ара вай къена лаьмнаш а – оьшучохь.
1аьйнди
Дела реза хуьлда шуна. Ма дика хаьа суна иза.
Х1акхара къамел дешехь, Бекка йо1е хьежначохь висна. Йо1ана а бег1ийла ца хета иштта х1ара воьхна. И сурт го Рашидна а. Хьолах кхетий шен гергахь х1орш йуьхь1аьржа х1иттон т1ечевху кхунна. Кхеран уьстаг1ий а лаьтта церан машенна новкъахь х1иттина, меттах ца бовлалуш бисна.
Рашид
Д1айаха и уьстаг1ий новкъара! Х1ун деш лаьтта шу, бага малх кхетта? Со хьаьнга лоь, х1ан?! Меттах довла.
Бекка ша волчохь д1атоь, ши б1аьрг а къарзабой. Эзар ойла луьстий чекх хьоду кхуьнан коьртачохь. Зеламха а вац меттах волуш. Рашида шен нанап1елг охьахьажабо Беккан дог дат1ош.
Насус д1ачовхадо уьстаг1ий, кхарах дика кхетий.
Насу
Хьоьца волу жимчу стагана лаьмнийн г1иллакх ца девзу моьтту суна. Цхьа бутт баккхийта, лаьмнаша 1амор ву иза.
1аьйнди
Цунна валош-м ву ас х1ара. Х1ун хир ду-м ца хаьа.
Уьш д1абоьлху. Насу леррина хьожу Бекке. Бекка метта ца
веана. Буьрсаллица кхехкаш ву х1ара. Йо1ана а тидам хила кхуьнан хийцавалар. Кхечу аг1ора хьоьжу иза а кхуьнга х1инца. Мелла а кхера а йелла, кхуо цхьаъ
дарна.
Насу
Бекка, схьахьажал цкъа соьга! Варийлахь, вуониг дага ма даийталахь хьайна. Уьш хьала а бог1ий д1абоьлху, вай кхузахь 1аш ду. Царех мох хуьлу, вай поп дитташ санна деха, цара вай генаш т1ера г1аш ластадарах, вайн орамаш хьадан ницкъ бац цаьргахь.
Беккина нисса дуьхьал а йирзина б1аьргаш чу хьоьжу, белш т1ера схьа а лаьцна.
Бекка
Дала мукълахь!
Насу
Иштта ала деза ц1ена нахчочо!
Йо1ан балдаш дела хьаьда, хазахетта. Беккина ги уьш. Мелла а сапарг1ат дели кхуьнан.
Насу
Со парг1ат д1а йоьду, йоьдий, Бекка? – кхуо: - Х1аъ, - олий корта хьабо. Зеламха а схьа т1е вог1у.
Зеламха
Хьажахь цуьнга, мел муьста а ву. Хала-м хир ду хьуна цунна ваха, иштта амал йолуш иза велахь даима а.
Беккина дагахь х1инца йо1 йу. Иза дуьхьалтосу кхунна. Цуьнан балдаш дела къажаро цхьа сатуьйсийла ло кхунна. Цул т1аьхьа, вайна йуха а машенчохь волу шиъ го.
1аьйнди
Ког лаьтта охьа а ца боьссина хьан, х1инцале а хьайна мостаг1ий би ахь. Магнито санна вуонаг т1еийзадо-кх ахь хьайн.
Рашид
Кхузара хьал а хаьа хьуна? Мостаг1ий? И бера-т1орзий? Ма кхералахь…
1аьйнди
Кхоьрур ву. Хьан а дезар ду кхера… Хьо лохур ву хьан довхоша. Уьш кхузарачарех тера хир бац хьуна. Церан карахь герз хир ду, жа1уьн г1аж хир йац. Парг1ат ма ваьллехь, хьан дакъа кхузара охьадахьа ца лаъахь.
Рашид
Хьо-м кхузахь голливудера «седа» санна войзуш ма хилла?
1аьйнди
Со а ма ву кхузара, лаьмнашкахь жима волуш кхиъна. Жа дажош а лелла со. Кхузара нах ч1ог1а тешам болуш бу. 
Рашид
Х1арам к1отар йара, иштта йиъча а, вуьштта йиъча а.

Геннахь лаьтташ зудчуьнан г1алартан сурт ду. Насу йу. Генна д1а б1аьрг бетташ лаьтта х1ара. Йо1 т1ейог1у. Йо1ан а хир ду 18-19 шо. Кхунна йуххе д1ах1уттий д1ахьежа х1утту иза а.
Пет1амат
Йа, Аллах1, ма хаза ду кхузахь. Суна а лаара кхузахь 1ан. Со кхузахь шортта 1айта эра дуй ахь, деца?
Насу
Эра дац. (Кхин кхуьнга схьа а ца хьожу.)
Пет1амат
Х1унда ца олу ахь, ва деца?
Насу
Хьуна кханнехь ц1а йаха луур ду, сахьийзар ду хьан кхузахь. Лаьмнаш ла хала ду, х1орш даггара ца дезачарна.
Пет1амат
Суна-м дезадели х1орш...
Насу
Хьуна иштта моьтту. Нахана а моьттура. Амма аренга охьабахара нах, лаьмнаш кхиссина а дуьтуш. Аса цунах йамартло олу. Шен г1уллакх тоделча, ша хьулвина, 1алашвинарш кхоьссина дитар, адам а санна.
Бекка гучу волу, жа далош. Ц1авоьрзуш ву х1ара. Маьркаже хуьлуш.
Пет1амат
Ма къа ду оцу к1ента, сарралца жа дажош ваха веза-кх цуьнан. Ма сингаттаме а хир ду иза? Ишколе лелаш а хир вац хьуна иза? Деша а хаьий хьов цунна?
Насу
Х1инцца ма йара хьо кхинаг дуьйцуш... Цунна деза х1ара лаьмнаш, кху лаьмнийн 1у ву иза, жа шен самукъа долуш дажош ву иза.
Пет1амат
Муха? Лаьмнаш лардан дезаш ду? Дела вац уьш ларошВерг?
Насу
Дала стагана т1едиллина 1уьнан декхарш.
Пет1амат
Суна цкъа а ца хезна х1умнаш дуьйцу-кх кху лаьмнашкахь. Кинчкш а, интернет а йицйо кхузарчу хаамаша.
Насу
Х1орш хьаннаш йу. Лаьмнаш жимма лакхахь ду.
Бекка герга веа. Мелла а воьхна йо1 гина. Вист ца хуьлуш т1ехвала г1урту. Насус бехк боккху.
Насу
Ва, Бекка, хьан мотт сецна? Цу буг1ул чохь кхиераш-м дац хьан, ма оллийна цуо хьо? Вист ца хуьлу хьо? - Насу йай йоьлу, цунах дика ша кхеташ.
Бекка
Дац дера, март-шовда ду х1ара, аса хьостанера дахьаш. Хьо ма лаьтта, т1амт1ера к1ант ц1аваре ладоьг1уш санна?
Насу
Со суо ма йац, хьо-м б1арзвелла а хилла моьтту суна. Схьайтал, малийтал соьга иза. Накъост ма вац хьоьца, стенга ваг1ана Зеламх?
Бекка
Лакха хьала ваьлла, цигара жа леллина. Хьаша йеана вайга?
Насу
Вайга ца йеана, со йолчу йеана. Аш со тергал йеш а ма йац, со йаъ йоцуш санна. Хьо а ведда сан, соьца ца 1ан, хьайга жа дажадайта аьлла. 
Бекка
Дика ду, т1аккха-м. Аллах1 ма ву вайца, массарца а. Вайна мел лиъча а хир ма вац стаг ша. Буьйса йаккха йеана х1ара? Са ма тесса йодур йу.
Пет1амат лаьтташ йу цеце хилла, кхаьршинан хабаре ладоьг1уш.
Пет1амат
Со кхузахь йу шуна, лаьтташ, дийна а йолуш, со г1аларт дац шуна… - Мелла а оьг1азе, реза йоцуш, ша тергал ца йеш. - Мел г1иллакх доцуш а ву хьо. Ц1е а ма йу: Бекка. Суна хезна а йац нахчашлахь иштта ц1е.
Бекка
Вицвела со, хьайна ц1е йуха а йаккха-хь.
Насу г1ад йоьдуш лаьтта кхушинан девнах, долуш лаьтташ долчу.
Пет1амат
Ахь жа муха дажа до? Хьо-м къора а волчух тера ду. Ас ца йийцира хьуна сайн ц1е. Со, кхин… урам новкъа а х1оьттина сайн ц1е кхайкхош лаьттара йоцийла, х1унда ца хаьа хьуна, акха адам?!
Бекка (корта а ластабой)
- Тховса-м са гатлур дац хьуна хьан, ва Насу. Г1алара хьеший бехкина, х1ара буьйса а къегана хила таро йу, седарчий а хир ду садо1уш.
Пет1амат
Эх1, ма элира ахь иза. 
Насу
Тоьур ду, жимма архаш йуха оза хьайн, хьо ма хецайели, 1инах чу йоьдуш санна. Х1ан, г1о делла суна вайниш уьстаг1ий схьакъасто. Хьо чу вог1у, йа х1ун до ахь?
Бекка
Тховса Зеламх волчохь. Кхана цигара дисан г1уллакх дер. Цхьаьна тхов к1елахь борз а эр а тарлур дац.
Йо1 цецйаьлла кхуьнга хьаьжначохь йисна. Бекка, йуха хьожу. Кху шинна а б1аьргаш вовшашка хьажарехь совцу.
Пет1амат - И х1ун дара? – Хьо дар-кх иза. Ца кхийтара хьо? Хьо йоцчуьнга цхьаьна йо1е д1ахьажна а вац иза. – Иза жима ма ву. – Хьо кхин йоккха хилла?
Рашид а ву, кхеран тидам беш турмала чухула хьоьжуш: 
- Со кхийта, ахь х1ун леладо «ламан к1еза». Жимма сайн самукъа доккхур ду ас. Цхьаъ деш ца хилахь кхузахь-м хьер вера ву. Х1ара нах муха мега а ца хаьа суна-м кхузахь, тиларчу ца боьлхуш.
 
Насуна кертахь г1о деш ву Бекка. Пет1амат а йу чу йолуш арайолуш дезарш деш. Бекке реза йоцуш хьоьжу иза. Насу а йу къайлаха кху шинни терго йеш, йелар а оьг1уш. Х1ара кхета Беккан б1аьрг серлабаьлла х1унда бу. Насуна цкъа а гина вац Бекка тахана санна ирсе. Геннахь кхарга турмалчухула хьоьжуш ву Рашид йуха а. Кхечанхьа Рашид лоьхуш ву Селам. – Ва а веана сан коча воьлли х1араъ. Кхин дан х1ума доцуш со висача санна. Берзалоша иза д1авиънехь со ваьлла-кх хьуна. Рашид шен меттара хьала а г1оттий сихха д1авоьду. 
Бекка
Насу, со вела. Жимма дехьа волу со, сада1а. – Йо1 къайлаха х1ара тергалвеш хуьлу, кхунах б1аьрг бетташ.
Камеро Бекка гойту. Бинжолгана т1ехь говзарш йоьшуш 1аш ву. Кхуьнан аз хеза. Камера т1ехьаша т1ейоьду кхунна.
«Дуьххьара хилла Дош,
И Дош Делехь хилла,
Дела Дош хилла.
Иза хилла дуьххьара Делехь.
Дерриг а Цуьнгахула схьадоладелла,
Цуьнан лаам боцуш долчу х1уманах
Х1умма а хилла дац…»
"Цуьнан лаам боцуш долчу х1уманах
Х1умма а хилла дац…?»
Делан карахь х1ун ду?
Дерриг а вайна карахь ду!
Вай ду деланаш!
Деланаш вай ду!
…Вай Деланаш ду?!..
…Деланаш хуьлий вайх?!..
Дош вайгахь ду!
Вай ду дош!
Дош вай ду!
Вай доцург дош а дац!
Вайгара доцург дош дац!»
Бинжолг бего болало. Нуьцкъала д1аса техка. Мох болу.
- А1УЗУБИЛЛАХ1! - Шен буйнара говзарх ц1е а латайой йагайо. – Х1ара шун 1еса къамелан кехат ас дагор ду, Аллах1а шуна хьукум дийр ду. 
Рашид т1евог1у, ша зуламхо лецча санна, курра, везза.
Рашид
Хьо х1ун деш ву к1ур эккхийтана, жини дуьне дагош-м вац хьо?
Цхьа а тайпана г1иллакх доцуш, ларам а боцуш воьдий кхуьнан буг1ул кегон х1утту Рашид.
- Хьо схьахетарехь цхьаьна боккхачу т1амна кечам беш ву? Кху ломахь туш а тоьхна? Ас леца хьо? Х1ун йу хьан кху чохь ерг? Вай х1орша-м говзарш ма йу. Х1ан! Шу тобан 1абада йу х1орш? – Схьа а оьций кегон х1утту. Бекка лаьтташ ву 1ад. Мерах шок а йетташ, цунах ца вешаш. Вукхуьнга иза ла ца ло: шех х1ара кхера ца велла а, басна хийца ца велла а.
- Бексултанов Муса: «… т1ехьийза йо1». Гадаев Мохьмад-Селахь: Сулейманов Ахьмад… Мамакаев Мохьмад… Дикаев Мохьмад… Айдамиров Абузар… «Йеха буьйсанаш»… Абдулаев Леча… Ахмадов Муса… Канташ… Тугузов Асланбек… - Кхуьнга схьахьожу, куьйга эшара хоьтту. - Исмаилов Абу… «Дош». Х1ара х1ун ду, х1ара х1ун ду? Хьо-м кхузахь йаздархойн межлисехь ма ву? Х1ун дуьйцу кхара? Вай йуха а махках дог1ур ду-м ца боху? Ткъа эвлайаийн диван мичахь йу? Со схьавале церан межлис чекхйаьлла? Церан къамел дагош варий хьо? Дийцал суна, 1иса Пайхамар вуссур ву аьлла хаам барий иза? Маьхьди маца вог1у хаийтарий? Дажал гучу-м ца ваьлла? - Леррина кхуьнга схьахьожий, т1е б1аьрг бухий: Хьо мила ву? Са ду хьо, йа жин ду?
Бекка
Когашкахь 1илма дац аьлла вайн дайша. Охьалахло некъахо. Корта болх бан болалур бу хьан.
Рашид
Хьо мила ву ас алий хьоьга? «…т1ехьийза йо1» - Бексултановн книшк буйнахь ластайо, йуха охьайуьллу. Д1аса хьожу. Балдаш доху. – Хьо кхузахь муха веха? Дас-нанас вацош хир ву хьо? Г1алахь деша лаьарий хьуна?
Бекка
Нагахь санна хьо со волчу веана сеццехь, хьан ч1огг1а са карзахдаьлла кхузахь. Вуьштта хьо вешара вацара сан аг1ора схьахьажа а.
Рашид
Ткъа мах барий? – д1асахьожуш ву х1инца. Рашида ша шена ца вевзу, цец ваьлла иза шех, ша лелочух а.
Бекка
Хьо гена мел веди а, йуха оццула некъ, йуханехьа ван а бан безара бу хьан. Нахах водийла хьо, йа хьайх уьдийла хьо. – Рашид д1асецна, ладуг1уш ву, шена иза гайта ца лаахь а. Бекках а цецваьлла иза. Иза кхин 1иттарш йеш ца карийча, кхуо кхин д1а а дуьйцу.
- Дукхах долу х1ума наха шайгара безам гойтуш ца до, цабезам гучубоккхуш до. Царна иштта шаьш ларло моьтту. Ма дарра дерга-м, дукхахьолахь – нахана бен д1а ца хетар ду х1уъу хилла латтахь а.
Рашид
Хьуна говзарш йешар коьрте даьлла моьтту суна. Жимма са а до1уш йеша уьш. Масане: йо1-зудберига вист а хуьлуш?
Бекка
Со х1умма а лачкъон г1ерташ вац. Суна хаза хета иза. Кхин х1умма а дац. Суна и хаза хетарх, цунна-м со жима ма хетийца.
Рашид
Хьан къамеле ладоьг1ча-м эр дац, хьан цхьа 40 шо х1ети а дац. Хьо ма къена ву дашна. Баккхийчара а ца йо иштта к1оргера ойланаш. Х1окху лаьмнаша талхор ву хьо т1аьххьара а. И буг1ул дукха йузча йеза хуьлу хьуна. Боккха мохь-м бац техьа ахьа хьайна т1елаьцнарг? 
Бекка
Йеса хилча кхин а беза ма хуьлу мохь.
Рашид
Кхийта со, хьо дукха вехар вац.
Бекка
Со вен т1аьхьаваьлла цхьа а гиний хьуна?
Рашид дукха ц1еххьана схьахьожу кхуьнга. Шен къайле кхунна хаьийла кхийта иза.
Рашид
Сой, сан шича воцург, кхин хийра, кхузара воцуш стагга а хаавеллий хьуна кхузашхула?
Бекка
Цхьа а ца хаавелла.
Рашид
Г1алара адамаш суна дика девзу хьуна, церан амалш а цхьаьна. Хьуна лаьий, со вист хир ву хьуна цу йо1е?
Бекка
Хьо хьайн самукъа даккха когаш к1амбелла лелаш вуй, кхийта со.
Рашид
Ас хьан б1аьргашна д1агойту-кх хьуна, и йо1 ас аьлче хьуна схьацайаг1ахь...
Бекка
Х1оранни мостаг1 - цуьнца шеца ву. Арахьарниг кхераме а вац, шеца волчул а. Куьзганчу хьожий хьо?
Рашид
Мила ган? Къонахчун куьзга – иза цуьнан б1аьргаш ду. Хьан б1аьргаш чохь суна кегарий го, кхераме аматаш,.. Зудберан философ ца оьшу, царна кхане йерг веза.
Бекка
Т1ех хьайха б1о булуш-м ца хета хьуна хьо?
Рашид
Тховса пхьуьйра ламаз дина, кхуза схьавола. Аса х1ума деш гойту, хабарш шуна ду. Хьайн ши б1аьрг хьайца хилийталахь, жа1у.
Хьала а г1оттий д1авоьду. Дехьа ваьлча сацалой, йуха вог1у. - Дошам хьур йу ас. Схьакхетор йу хьуна. Хьайн нене арз ма делахь.
Х1ара д1авоьдуш кхунна Селам го. Цунна д1а т1евоьду Рашид а. Рашид гушехь Селам волало: – Хьуьнхахь книшка а буйнахь, цхьа а сайна гур ву ца моьттура суна. Кхуза вог1ург: йан сада1а вог1у, йа ц1е лато вог1у.
Рашид
Иштта-м со а, вара, изза моьттуш… Цуьнгара йеша йахьа ас х1ара.       
Селам
Хьо стенга воьду а ца олуш…
Рашид
Ас муха олу хьоьга иза, са а тасале хьо т1епаза вайна хилча. Оццула хан йоккхуш хьо стенгахь вара?
Селам
Со з1е хьовзо ваханера, сайн дагахь сихха схьавог1у со аьлла… Ц1еххьана ма кхаьчний со кхуза. Шадолу г1улакхаш ма дисна сан г1алахь.
Селама иза дуьйцуш Рашид Бекка волчу аг1ора д1ахьоьжу, сихйина йеш ойла а йу.
Рашид
Оцу к1ента ц1е х1ун йу хаьий хьуна?
Селам Бекка волчу аг1ора д1ахьожу. – Бекка, - аьлла, йоккхуш хезна суна цуьнан ц1е. Цхьажимма тамашийна ву олу цунна кхузарчу к1отархоша.
Рашид
И-м нийса ду: дукха къена хабарш дуьйцуш ву иза. Къолам, кехат а гур дуй суна?
Селам
Къолам болуш бу, кехат а ду. Х1окху сохьта. Д1алаца. Хьайна дагайаънарг ц1е тоха, вай: в студийу! - аьлла, хьалха карайойтур йу-кх хьуна. – Вай-вай-вай… - ца веша Рашид.
Рашид
Селам, хиарий хьуна иза хьена-мила йу?
Селам
Хьуна х1ун аьлла хета? Кху лаьмнашкахь дерг вайх т1ехтуьлур дац. Вайна цуьнца гина хилла йолчу Насун веши йо1 йу иза. Ц1е Пет1амат а йу. Хьала йеана масех де ду. Амма хьо т1аьхьависний техьа моьттуш ву со.   
Рашид
Йан хьо цхьаъ дагахь долуш ву? – леррина цуьнга хьожу, ца веша кеп а лелош.
Селам
Цуьнца-м к1езга бала бара сан. Сан сингаттам кхузахь ца лоцу интернет йу. (Рашида кура къамеле ладог1ар дезаш вац х1ара.)
Рашид
Иза-м, хьо кху к1отарара охьа ма велли схьайог1ур йу. Амма цигахь кхоьлина хир йу, марханийн бода. Малх хьежана кхузахь бен ма бац. Кхузахь 1амош 1илма ма ду.
Ша шех вокккхавеш, диттах куьг а тухуш, цунах д1атаь1а. Батт йекхайелла йу.
Селам
Дуьйцуш варий со-м. Бекка, хьан доттаг1 1илманча ву, боху, цунна гуонаха хьийзаш.
Рашид
И «жа-1уй»? «Салтий ле, ткъа инарлашна медалш хьалха ухку.». Дика ду иза волуш, сан самукъа даккха. Цуо г1о дийра ду суна, кхузара хан йацйан.
Йуьхь т1ера хийцало: цкъа холчу х1утту, йуха б1аьргаш а ирош, велар хьоду, ша дан лериначуьнан т1аьхье гуш.
Селам
Хьо д1акхаьччигахь питана эккха дезаш ду-кх. Цу т1оьхула т1е соьга хьо къайлахь латтаве а аьлла. 
Рашид йоза йаздан волало.
Селам
Делахь ма хьашт доцург деш воллу-кх хьо. Хьена ц1арах йаздин хьажахь цуьнга. Нисса ирахь болу бала бу-кх хьо. 
Рашид
Процесс пошел…
Селам
Иштта дешнаш а хаьа хьуна? Йуханехьа процесс хилахь-м ваьлла хьуна хьо. Кхин вада меттиг хир бац хьан.
Рашид                Соьга хьажа, 1ама хьайна! М1ара д1абоьг1на, ч1ара ша т1ебог1ур бу м1ерана. Т1оьхула т1е, 1илма а ду х1уш санна къийзо дезаш. Суна сарахь машен иэша там бу хьуна. Хьалха даккха хьайн турпала дег1.
Селам – Эцца йолуш йу-кх хьуна и «вездеход».

Суьйре. Насу йу новкъа г1аш йог1уш. Джип т1ехь цхьа виъ стаг хуьлу. Сацайо.
Стаг
Суьйре дика хуьлда хьан! Могуш 1ай, хатта мел везарг а?
Насу
Алхьамдулиллах1. Шу а дуй лаа?
Стаг
Тхо талла аьлла арадойла лелаш дара; цхьа жима ши къонах вара тхуна дуьхьала ван везаш. Уьш кхин з1ене а ца бойла, цаьра аьлла меттиг х1ара йарий-те, аьлла, схьа хьаьвзинера тхо. Хьуна-м ца гина-те аса буьйцурш?
Насу
Ца гина. Со 1уьйрана йахана х1инца йог1уш йу ц1а. Кхузахь з1ено болх ца бо. Дикка лаха охьавала везаш хуьлу з1е хьовзо.
Стаг
Оха дан накъосталла дуй хьуна? Схьа ала делахь.   
Насу
Дера даций. Хьовса шайн г1уллакхе. – Уьш д1абоьлху машен хохкий. 
Насу чу кхочу. Пет1амат карзахе хьийзаш хуьлу.
Насу
Х1инца х1ун хилла вайна: лам бешна, Дажал гучуволу аьлла хаам кхаьчна?
Пет1амат
Кхечна, кху к1отарара д1аволалур ву боху иза. Вуон мел верг шен т1аьхьа а х1оттийна.
Насу
Иза-м даккхийчарех дацара, 1иса Пайхамар а воьссина (1алайх1и салам) цуо лаг хадор дара цуьна-м. Цуьшиннел хьалха Маьхьди ву гучувала везаш. Дийцал х1инца, хьенан керта т1улгаш кхиссина ахьа?
Пет1амат
Х1ан, д1адеша хьайн, хьан оьздачу Бекка йаздинарг?!
Насун йуьхь т1ера к1айло, бос боду. Кехат йо1а буйнара схьа а оьцуш, сиха ца ло цу т1е хьажа. Хаттарца йо1е д1ахьежначохь йуьсу.
Пет1амат
Цхьаьна зудчо, Халипат йаьккхира цуо шен ц1е.
Насу кехат т1е хьожу. Д1адоьшу:
«Фатма, пхьуьйра ламаз динчул т1аьхьа, ара йаьллехь. Сан къамел ду хьоьга дан дезаш. Жа1у – Бекка.»
Пет1амат
Х1инца х1ун олу ахьа? 
Насу
Сема хила йеза олу-кх. Х1ара цуо йаздина дац. Цуьнан йоза х1ора дийнахь доьшуш а, гуш а 1аш йу со. Х1инца цхьа нах кхийтира суна новкъахь, цаьргахь герзаш а дара. Талла даьхкина ду шшаьш, бохура цаьра. 
Пет1амат
Со кхетор йарий ахь? Сох лецна хилча г1уллакх мукъне а?
Насу
Уьстаг1ий чу дерзирий ахь? - Х1аъ. – Дика ду. Бекка х1ара болх хууш хир вац, цунна цхьа тешнабехк бан мега.
Пет1амат
Цу т1ехь йуьйцург-м со ма йу. Хьуна цу к1ентан бен г1айг1а йац моьтту суна. – Йацца, т1аккха. Хила йезаш бахьана дуй? – Да-ац.
Камеро Бакаран керт-ков гойту. Кет1ара, лакхара охьа чу йоьду иза. Чохь кхеран ц1ийнан нах бу. Кхеран кет1а машен йог1у, цу чуьра Амин а, цуьнца волу накъост охьавуссий д1а чу туьлу. Х1инца чуьра хьал ду гойтуш.
Мазлакъ
Дийцал айхьа деанарг, Амин.
Шаверг тап аьлла д1атийна. Бакар а ву, сема ладог1а кечвелла 1аш. Ша болу тидам х1инца Аминна т1ехь бу кхеран.
Амин
Некъ бинчун хаьа, некъехь к1охцалгаш ду а, йа зезагаш ду а.
Солт
Сан-десар, Амин, хьо буц лахьо вахана вара, йа масла1атана? Т1аьхьа кхиа де-хь тхо?
Амин
Билална ас хьал довзийтара, цо шена т1е лецна и масла1атца дерзо. Доцца иштта ду.
Мазлакъ
Цуьнан даше ладуг1ур долуш нах буй техьа - вуьйш, - вайна дуьхьала лаьттарш? 
Амин
И нах суна ца бевзу. 
Чохь тиналла х1утту. Йесалла. Бакара къахкайо тиналла.
Бакар
И йо1 тойелчахьана, кхин д1а дерг хала а, атта а, дерзо хьовсур дара вай.   
Кхузахь, арара чу вог1у, кхара цу масла1атна вахийтина хилла волу кхин дешна ши стаг а. Саламаш ло. 
Хизар
Аса ирча кхаъ бахьа: йо1 д1айаьлла, цхьа сахьт хьалха. Уьш ч1ог1а дера бу. Цаьра шаьш ч1ир оьцур йуйла д1ахаийта аьлла веана со, Бакар.
Массо а холчу х1утту кху чохь. Чингиз вист хуьлу, тийналла кхин а 1адош.
Чингиз
Рашид! Цунна ма ца хаьа х1ара! Ас з1е хьовзор йу цига, Бакар? Х1ун олу цуьнга: цигахь саца, йа сихха схьа ц1а вуола?
Бакар
Цкъа, цигахь сацар дика хир ду. Кхузахь хьал муха керча ца хиъча. 1аьндига ладог1а ала ломахь.

Мансур волчу кертахь ткъех стаг ву вовшах кхетта. Ширвани ву дуьйцуш.    
Вайн т1е эхь дужур ду, вай и ч1ир д1атиттахь. Вай х1инццехь талла доьлху. Тобанашка д1аса а декъалой т1аьхьа довла цу йовсарна. Цаьра иза цхьанхьа къайлаваьккина хьулвина. Массо а метте кхача, караве иза: лаьмнашкахь, аренгахь, г1аланашкахь, йарташкахь а. Иза герз тоьхна вен йиш йац шуна, д1абоху ас шуьга. Шари1ато ма бохху: схьа динарг д1а дан деза. Иштта дуй иза? Реза вуй хьо, Мансур? – Реза ву дера, со-м. Шари1ато бохург лардеш хила деза вай? Вайна хууш дерг иза – церан машенаш Шуьйта а кхаьчна, Теркйисте а йаг1на.
Ширвани
Шуьйта аг1ора дерг вайна сихха хуур ду. Цигахь вайн накъост ву. Д1а арадовла, же, маса! – Массо а сихлой д1асабоьлху.

Ша цхьаъ ву Рашид.
- Соьца хила аьлла волу Селам а вац цхьана метта соцуш. Кхуо х1ун леладо а хаьахьара суна? Моссийта сахьт ду ваг1ана. Са санна са б1арзло хир ду-кх цуьнана а. Кхузахь-м хьера вера ву. Тховсалера буьйса д1айаьллачул т1аьхьа, со ц1а г1ура ву. Цигахь дерг атта ду, х1ара жини бен бу моьтту суна… И кехат йазди ас хьашт доцуш. Сан х1ун бала бара цу берашца?.. Кхин кху чохь 1алур вац со. И к1ант лиеван ваг1а веза со. Кхин аса х1ун дийра ду? Телхаш лаьтта со-м кхузахь. Дика ду аса тидам бина хилла оцу бинжолга т1е боьду некъан. (Араволий воьду.)

Кхетта сирла беттаса ду, буьйса дикка серла а йоккхуш.     Бинжолгана т1ехь 1аш цхьаъ ву. Кхуо хахкавала д1асатотту меллаша и бинжолаг, шен когашцани. Рашид ву шен копишон йоьг1на т1евог1уш. Бекка - Зеламх, хьо вуй х1ара? – Вац, со ву х1ара. – Мила ву хьо? – Со ца войзу хьуна профессор? – Х1ан. Ахьа хьайн ц1е ма ца йийцара.
Ведда вог1уш Селам ву. - Рашид! ва Рашид! – Х1ара шиа цу аг1ора хьежна виса. – Х1ун хилла Селам? Кхуза схьат1евола… Хьуьхьа а воьлла. – Суна хьо чохь ца карий, со хьоьга, суна хьоьца… Иза мила ву? Х1ун ду кхузахь?
Рашид
Вай! Меттаволахь. Х1ара кхузара и к1ант ву. Х1ун хилла дуьйций ахь?
Селам
Схьахила цигара. – Х1ара д1а т1е хуьлу, Бекка волчу аг1ора схьа а хьожий. – Иза, йо1… хьо х1инца…
- Мила йо1? Кхеташ дийцахь… - Хьо лохуш ву боху… Хьо лурвоьлла… Райана йелла… Хьо кхузахь вуйла хиъна царна… цхьаммо аьлла… Хьо д1алачкъа веза. Хьо ве аьлла цаьрга. Уьш кхузахь гина…
Рашид
Со кхи мичахь лечкъара ву? 
Бекка
Суна хеза аш де къамел. Тховса шуьшиъ тхоьгахь саца везар ву т1аккха. Тхоьгахь шуна кхерам хир бац. Вуьшта, арахь, хьуьна йуккъехь 1ен дезар ду шу.
Селам
Дика ду… Мичахь 1аш ву хьо. Х1ара буьйса а йаьккхина д1аг1ура ву тхойшиъ. 
Рашид
Суна ца хаьа шу муьлш ду. Хьо д1а г1о, хьайн ц1а. Охашимма цхьаъ дийра ду.
Бекка
Хьан бехк бац цигахь, амма и нах а, 1едал а тешо хан оьшур йу. Х1етталца хьо дийна виса веза.
Рашид
Хьуна мичара хаьа иза?
Насу т1ейог1у, шеца Пет1амат а йолуш.
- Бекка бакъ луьйш ву. Цуо шена ца хуург дуьйцур дац. Суна гира кхузара боцу, герзашца, машенахь нах. Цаьра хоьттура: жима ши стаг гиний бохуш, со лахара ц1а кхочуш йара.
Ши а воьхна, х1ун дича х1ун хир ду ца хууш.
Рашид – Дика ду т1аккха, кхаьрга д1авоьду вайша, кханналца. (ПЕРВЫЙ СЮЖЕТНЫЙ ПОВОРОТ)
 
Селам
Шу д1аг1ойша, тхойша вист а хилла т1аьхьакхуьу шуна. Хьецало тхойша. – Х1орш д1абуьйлало. – И кехат ахь йаздиний хаьахь…
Насу
Кехат ма дийца. Кехат кхин дац. Ма латта, схьавола.
Х1орш иштта новкъахь болуш, Насун ц1а долчу кхачале вуьйш, герзашца берш, т1екхочу.
Куьйра
Рашид! Хьо кхузахь вуй хаьа тхуна! Тхо ч1ир иэца даьхкина! Тхоьца д1аван веза хьо!
Бекка
Х1инца, суна т1аьххье схьавада, Рашид, хьуьллийша къайлавера ву вайша. 
Рашид – Селам, машен стенгахь йу? – Хьуьлли, дехьахь…
Бекка – машенахь цаьра хьо атта лоцур ву, шера некъ ма бац хьуна кхузахь. Схьавола суна т1аьххье. Х1инца хьо тхан хьаша лоруш ву, оха к1елхьаравоккхур ву хьо, теша соьх.
Рашид машен т1е ваг1а ойла хилла, Бекка аьлларг ца деш, кхечу аг1ора воду. Иза д1аведдачу аг1ора хьуьн  йуккъера герзаш т1едетта доладо.         
Насу
Дуьлол, вай сихха къайладовла деза кхузара.
Рашид воьдий, гуо тосий машена а хоий д1ахохку. Вуьйш кхетта - машенахь верг х1ара вуй. – Машенахь воьду шуна иза, дуьхьалдовла деза цунна, иза гена валале. – И мохь а хезий, Селам ц1еххьашха кхечу аг1ора д1ахьоду. Х1ара кхоъ шаьш дуьсу.
Бекка
Шу шиъ чу г1уо, со цунна т1аьххье воьду. Иза къайлаваккха хьожур ву со.
Пет1амат
Хьо цара ве-хь? Гуш дац хьуна цаьра детта герзаш? Вала лууш ву хьо? Деца, алахь х1окху…
Насу
Ца воьду-кх хьаха, со йиний бе-м, водахь а. Вай кхузахь собар дийра ду. Цаьрна вай муьлш ду къаьстана а хир дац. Церан герзаш лахдалийтана лохур ву вай иза.   
Х1орш д1абоьлхуш а болуш, цхьа ханна йаьллачу хенахь герз долуш хеза кхарна. Йуха, цхьа доккха тата а. Кху к1отарара нах арабевла ладуг1ш бу, хуьлуш дерг х1ун ду ца хууш. Х1орш царна йуккъехь д1аоь.
УДАРНАЯ СЦЕНА ЗАВЕРШЕНА
Рашид, цаьра т1аьхьа герз тоьхча, галваьлла боьрдах ваг1на. Бекка ву кхунна йуххехь. Рашид кхетамчу вог1уш ву. Са даржаза ду. Ч1ог1а карзахе а волуш самаэккха Рашид.
Рашид
Мичахь ву со? Хьо мила ву?
Бекка
Вай дера ду, хьо машинахь боьрдах ваг1анчохь. Кхузахь карий хьо тхуна. Аса хьайга аьлларг ахь динехь...
Рашид
Со…
Бекка
Хьо х1инца метта веана, амма г1ора хир дац хьоьгахь х1инца а. Зеламха, сайн шича, вайна оьшург йа ваг1ийтана. Герзаца берш стенгахь бу хууш дац. Вайша хьуьнхахь соцур ву цкъачунна.      
Рашид
Селам?   
Бекка
Тхуна цунах дерг ца хаьа. Иза ведда, къайлаваьлла, циггара.
Рашид
Ткъа и онда стаг мила вара, со машеначуьра араваьккхина? Суна т1ехь цхьаъ дийшира цуо?
Бекка
Суна-м хьо аракхоссавелла хир ву моьттинера, тхайла хьалха хьуна т1е мила кхаьчна хир ву суна ца хаьа. Мел онда вара иза?
Рашид
Суна иштта лекха адам гина а дац…
Бекка
Цхьа, вай доцу духарш дарий цунна т1ехь?
Рашид
Дара, иза дицделлера хьуна суна.
Бекка
Масех де хьалха тхо жа дажош долуш тхуна а гира и стаг. Мила ву-й, х1ун дуй-м ца хаьа иза цхьанне а. 
Рашид ойлане вужу. Кхунна дагатеса: цкъа хьалха Бекка аьлларг, шена кхузахь цхьа а ца гина, кхузара воцург, йуха - Селам къайлавалар а, иза шеконе хийта кхунна. Рашидан корта ч1ог1а сиха болх беш бу. Б1аьргаша а уьду д1аса. Хьалаг1атталой хьожу меллаша. Ша хьалаайа велча вист хуьлу.
Рашид
Шу х1ун адамаш ду кхеташ вац со? Со шуьца муха вара, аш дешдерг… Схьахетарехь шуна соьх къа хетта, х1а-н? Безаш вац со сайха къахетарш. Кхузахь вайшинна некъаш д1асадовлу. 
Бекка
Кица хууш хир ма ву хьо: «Хих веддарг – хьера к1ела иккхина». Хьан шиъ некъ бу: хьул а велла, кху хьуьн чохь висар, цхьаъ къастталца, йа новкъа а ваьлла хьо вейтар. Сатесча уьш кхузахь хьовсар хирг бу, хьох хилларг билггала шайна хаьийта.
Рашид
Со сайна новкъа д1аг1ур ву. Х1ара сан дов ду… - д1аваг1а г1урту, амма б1агор а бохий охьалахвала везаш хуьлу. Бекка, т1ехьодий схьалоцу Рашид, меллаша охьахоуьйту. – Х1инца метта вог1у со.
АКЦЕНТ
Бекка
Хьоьх тхан хьаша хила. Вайн 1адаташца: хьаша ларван везаш ву иза хьан мостаг1 велахь а. Цуо хьан керта ког левзинехь. Хьуна ма-гарра хьо тхо долчохь ву. Хьо - кхин д1а маьрша стаг вац.
Рашид
Маьрша-м хир вац, бакъду, хьалхалернаг а-м вац со - кхин. Хила лиъча а хилалур вац. Кхул т1аьхьа ас айса сацам бийра бу айса дан дезачух.
Бекка
Муьлха а цхьа сацам беш хила, цкъа делахь: дийна хила везий? Йуха и сацам балуш хьолехь хила а? 
Со хьуна йуххехь хир ву, некъ хьуна маьрша баллалца. Вовшийн лан везар ву вайшинни, оьмар цхьана мел йу вайн. Цул т1аьхьа со реза ву хьо кхин ца гича а.
Рашид
Некъ гайта суна, кхузара къайлавала, кхин д1а со суо а ларор ву. Сайх бала би аса шуна.
Кхуо белш саттайо. Насу а, Зелемха а т1едог1у.
Насу
Альхьамдулиллах1. Метта веана. Делахь а, бос бац хьуна т1ехь. К1отара чу ван хьуна х1инца а кхерам бу. Оха шуна, цхьаьна шина денна кечам бина.
Рашид
Кхузара д1аваг1а кхуо некъ гайтича тоьур ду суна. Сан ц1ера цхьаъ кхуза кхачахь а, сох дерг шуна хууш дац шуна; шайха, иштта тешам бу аша бахахь. Х1инца цхьаннах а вац шуна со тешаш!
Бекка
Иза хьан бакъо йу. Кхин садаржале вайша гена вала веза кхузара. Зеламх, ши де даьлча, рицкъ делахь, со, вайншинна меттехь хир ву хьуна, оьшург йахьаш цига д1авог1ур хьо. Со цигахь ца хилахь, саца а ца соцуш сихха ц1аг1олахь цигара. Со, сайн аьтту болчу хенахь веана х1ума дийр ду, Дала мукълахь. Х1инца шуьшиъ сихха д1аг1о кхузара. Цхьанний гахь, йетт ц1а ца беана иза лохуш дара ала.
Насу
Аса ч1ог1а сагатдийра дуй хаьий хьуна? Хьо соьх тешийна ма ву?
Бекка
Хьо соьга дика хьежира аьлла, йан ч1аг1о йу сан. Цу т1оьхула т1е, со воцурш а бу ахьа сагатдан дезаш. Аса зарзара доуьйтур ду хьуна коста дахьаш. Шуьшиъ г1ала сихха охьа йахча, суна синтем хир бара. Шуна х1умма а ца хаьа шуна. Хуучуьнан бат д1атега, маха а боккхуш.
Насу
Аллах1ан кера д1авела-кх аса шуьшиъ.
Б1аьргара хиш охьалилхи хи санна, кху берашна са хьевзина.

Куьйра ву ломара д1а рацица къамел деш, жимма йуьстаг1 а велла, шен накъосташна. 
Куьйра
Акха борз боьрдах йаг1а, Ширвани. Чекхдаьлла. - Йуха, кхарна схьа т1е а вог1ий: - Хьуна доккха баркалла ду, Казбек. Хьайна г1о динчунна дакъа дийра ду ахь. - Цхьана кехат йуккъехь туп д1ало. - Х1инц шай-шайн новкъа д1асаг1ур ду-кх вай.
Казбек
Цунах х1ун хилла ца хьовсу вай?
Куьйра
Сатешча хьо хьажахь цигахь х1ун ду, Казбек. Йуха з1е хьовзор ахь соьга.

Селам ву хьуьнхула вог1уш.
- Сан бехк бийра ма бу х1инца массара а! Дера бу! Со хир ву бехке. Сан х1ун бехк бу? Со Турци д1аваха веза, х1инцехь охьа а ваг1ана. Хьалха доьдучу кеманца, миччанхьа а д1аваг1а веза. Рашид вийна-те цара?  Ма дагахь доцург хилий кхунах… Со вада веза… Кхузара со Олхазар-к1отар чу вуссур ву, цигара д1а шера некъ бу. Ахьмаде сайна цига т1аьхьа вола эр ду.

Бакаран кертахь. Чингиз а, Хизар а схьакхочу машинахь.
Чингиз
Хаам кхечна: сийсара ломахь Рашидна т1елетта, ведда к1елхьара ваьлла боху. Мича ваг1ана ца хаьа. Селам иза хаийта веана хилла, иза вуха кхаьчча - Рашид бухахь ца карийна.
Бакар
Вайна, царначул а хьалха схьакаро веза и к1ант. Хизар, хьан х1ун хилар?
Хизар
Цара аьттехьа а ца дуьту шу тезета дахкар. Вай мотт леби цаьрга вайн ма хуьллу. Уьш ч1ог1а дера бу, кху сохьта иза хьехучохь а дац цаьрга.
Бакар
Жимма метта а бахкийтина х1ума дийра ду вай. Хизар, хьо хьожуш хилахь цигахь.
 
1уьйрре. Тезет д1ах1утту Мансур волчу кертахь. Тезет т1еоьцуш нах бу, кадам бан т1еоьхуш а нах бу. Х1орш шайн 1ойлахь бу. Гуонаха ч1ог1а исбаьхьа меттигаш го. Тезетан гуонаха кегийра тобанаш йу. Керла т1е стаг веача массара а до1а до. Билала кхочу кхуза, шеца г1еххьа нах а болуш. Салам а лой, до1а а дой, вист хуьлу.
Билал
Валар-висар Аллах1ера белхаш бу. Цуо динчунна вай реза хила дезаш а ду. Цхьа а вац, шен са далар: маца, стенгахь, муха хир ду хууш? Дала схьакхоьллина долу садоь1у массо а х1ума цкъа дала дезаш ду. Аллах1 воцург массо а 1ожаллин не1арха вала везаш а ву. Тахана х1ара йо1 йу, кхана вай ду, рог1ехь, Аллах1ана дуьхьала д1адаг1а дезаш. Вайга хаьттича, вер-ваккхар вай хуьлуьйтур дацара. Адам Пайхамарехула (1алайх1и салам) вайга схьакховдина некъ хьуш доьлху вай. Дуьххьара Адам Пайхамари (1алайх1и салам) во1а – Къабила, д1авоьллира шен ваша 1абил, шен куьйгаца вийна волу. Вашас шен ваша вийра. Цу т1ера схьодог1у адамашна йуккъера зулам а. Аллах1ана диканиг деза вайгара, Иза зулам дай безаш вац. Дала, х1ора стаг а, х1ора зуда а зуьйш ду. Иманехь долчу собарца хила везаш ву вайх х1ора а.

Ширвани з1е хьевзу, х1ара кех волу.
Ширвани
Схьадийцал. Муха ведда? Дакъа додуш хуьлу… 1ийт йа1, цхьа а х1ума аш деш дац-кха ларт1ехь… Сихха схьакаро веза-кх т1аккха. Иза а ас хьеха дезаш ду шуна?
З1е д1айоккху. Д1аса волало сихчу боларца. Кхечуьнга з1е хьовзайо. Вайна камеро лере йаьхьана телпо гойту, цуьнан п1елга т1ера мух1ар а къаьста (деталь).
- Иза дийна а ву, маьрша а ву. Стенга ваг1ана хууш дац. Лохуш бу.

1АЬРЖА ЭКРАН
Кадрехь кхин сурт гучудолу. Цигахь цхьа зуда йу. Г1аш некъ беш йу иза а. Цуьнан духарш а ду шатайпана, д1ахьулйелла йу иза: чух-чухала к1аденех йу цуьнан бедар. Хала некъ бо цуо. Бераха а йу иза. Цуо бахьарг и мохь бу – доьзал шен кийрахь кхиор. Иза къамел деш йу гуш а воцуш, амма хезаш а волчу шен марца. 
Хьава
Къуонах, суна ч1ог1а накъост-м оьшура хьуна. Беза бу сан мохь. Деригге адам ма ду ас сайн кийрахь кхиош.
Хьава вуно ч1ог1а эхь хиеташ а, бехк хеташ а йу. Корта лакха хьала ца ойбу кхуо. Йалсаманера г1иллакхаш ду кху шингехь а. Вовшашца ч1ог1а ларам а болуш, чукаре долуш. 
Адам
Х1аъ, Хьава, беза бу вайн мохь. Вайн къа а Аллах1ан хьалха долу дара - доккха. Вайшинна х1инца иманехь ч1ог1а собар оьшур ду. Вайн бераш къинош летош хир ду. Вайшинна уггаре а боккха мохь, иза - вайн берийн къинош хилла х1уттур бу.
Хьава
Дан х1умма а дац техьа? Дала гечдийр дац вайшинна кхин цкъа а?
Адам
Ас доьхур ду Аллах1е вайна гечдар.
Хьава
Хьан гира мохь х1унда лелош бу ахь?
Адам
Х1ара, Аллах1ан сийлахь Аьлчанан нур ду, Аллах1ан ц1а доьг1ча цуьнаца соцур ду х1ара. 
Аллах1е до1а до кхуо, и нур шена хьалха гуш хилийта олий.
- Х1ара сан мохь бу, заманаш чекхйовлалца.
Хьава
И Ц1а х1унда дуг1уш ду?
Адам
Цунна т1е некъ хир бу вайн берийн. Иза з1орг  хилла лаьттара йу вайн берашна. Церан цхьаьна хилар а, бертахь хила безар а гойтуш, Аллах1 Цхьаъ вар а долуш. Зуламашна Хьарам меттиг а хир йу иза.
Хьава
Стенгахь дуг1ур ду и Ц1а?
Адам
Кху лаьттан йукъ йолчу - Баккахь. Х1инца хьо гергахь йолчу меттехь. Аллах1ана дуьххьара шен т1ехь сужд дина меттиг йу иза. Циггахь вовшах а кхетар ду вайша, кхин а пхи б1е шо даьлча.
Хьава
Сан мелла а сапарг1ат даьккхи ахь. Дуьххьара вай Йалсаманера арадехчахьана хаза кхаъ хеза суна.
Адам до1а дан кечло. Хьавас шен некъ кхин д1а бо. 
Адам
Йа, Робби! Ахь кхоьллина вац со Хьайна?
Аз
Ву.
Адам
Ахь, Хьайн лаамца чу са даийтина вац со, суна ваха пурба а делла?
АЗ
Ву.
Адам
Ахь ца элира йарахьмакуллах1, ас хьоршам тоьхча, Хьуна аса хастам а беш: Аллах1а къинхетам бойла хьох аьлла?
АЗ
Иштта ду иза.
Адам
Ахьа тхойша кхолла а кхоьллина, Йалсамане чохь д1а а нисдина, тхуна омра а дина: цигарчу бешара дитташех, йалтан диттат1ера стом ма баалаш аьлла, долуш, Хьуна оха и дале хууш дацара - иза буур буйла?
АЗ
Ма-дарра хууш дара аш и стом буур буйла.
Адам
Ахь т1аккха тхуна гечдан ца мега, тхо духа Йалсамане чу дерзийта?
АЗ
Аллах1а шуна гечдина, Цуо хьо векал а вина цу лаьттат1ехь. Цигара оьмар чекхйаллалца. Аллах1а шун бераш а зуьйр ду, Шена царех муьлханиг муьт1ахь хуьлу хаьа. Аллах1е иштта до1а де ахь х1инца:
Адам
Йа, Аллах1! Со нийса вацара сай сина-дег1ана, Ахь суна геч ца дахь, со сайха зиэ хьаьрчинчух хир ву-кха.
АЗ
Уггаре а г1олехь берш хьан берех, Аллах1е шайна гечдар доьхурш хир бу. Амма 1еса хир бу дукхах берш, шайна иза хуушехь, дукха ц1ий а 1енор ду цара цхьа а бакъо а йоцуш. Аллах1а царна кечйина Джах1аннама йу. Царна боккъула а зиэ хилла, уьш дохко ца бовларна шаьш леточу къиношна а, 1еночу ц1ийна а. Шаьш-шайна эшам бинарш бу уьш. Аллах1ана муьт1ахь болучарна, Цуо Йалсаманехь г1аланаш йоьг1на. Уьш бу боккъала а декъала хилларш.

 
ДОККХА ТЕЗЕТ ДУ.



Докъа ламазана д1ах1иттина бу нах. Дакъа ара доккху.



Тоьшаллаш до. Ламаз до. Х1инца дакъа кех доккхуш ду.








Барма айъина д1ахьо.


1АЬРЖА ЭКРАН
Мансур волчохь ву дешна стаг Хизар. Арахь вист хуьлуш ву х1ара шиъ. Мансур ч1ог1а лерана цуьнга ладуг1уш ву.
Хизар
Кхузара хьал, ас царна д1адовзийтара, ахьа а ма аллара.
Уьш шай болу кечамаш беш бу. Коьртанаг: уьш шайн к1ант
бехказа валийта ца г1ерта. Царна а бехк хета цуьнан.
Амма хьан луур ду шайн бера дейта? Уьш масла1ат лоьхуш
бу, лоьхур долуш а бу. Нагахь санна и к1ант шу карах
лахь а, машен т1етоьхна, цара ч1ир кхайкхор йац цунна
дуьхьал. Амма кхечу бахьанца валар хуьлу-кх?

Мансур
Масала?
Хизир
Масала: герз тоьхна. Т1аккха шу хир ду цу сохьта,
х1инца цаьргахь долчу хьолехь. Х1инцца шайн йо1
д1айерзий аш, сарле шаьш лур дола а мега шу. И дика
болх бу-кх ч1ираш беш берг. Аллах1ана муьлхачу а т1амел
а масла1ат дукха дезна, бусалбачу наха йуккъехь. Шун
бахьанехь бехк боцуш, - цхьа адам лахь, - Аллах1ан
хьалха ша долу адам дийча санна къила г1ура ду шу.
Нахана и бен д1а дац шуна, церан шайниш тоьур йу
г1айг1анаш, баланаш, т1е йеш лаьтташ йолу авареш а. 

Хизир машена а хиъна д1ваг1а. Мансур ша виса. – Хьасбуналлах1у ва ни1маль вакила. - Кхуо Билале схьакхойкху.

Мансур
Билал, хьо д1а х1унда ца воьду? Хьан тезеташ а дукха
хир ду, хьо т1ех1отта везаш. Хьуьжарехь а хьашт хир ву
хьо. Кхузахь докъа ламаз а дина, йо1 лахьти чу а
йерзийна.
Вуоно боккхам дегабам хаало Мансуран вистхиларехь а, озехь а. Дикка вулавелла ву х1ара.   
Билал
Со хила везачехь ву со, ахьа сан ойла ма йе. 
Мансур
Хьуна со гуш вуй, Билал? Х1ара тезет сан а
доцуш санна, цаьра суна беш болу ницкъ. Валлах1и и сайн
бер дицдеш ма лаьтта суна, х1окху шина а аг1ора болчу наха. 
Билал
Иза х1ун ду хаьий хьуна? Йо1 кхин йац, ткъа дийначарна - бала ца лаьа, баха лаьа. Цхьаволчунна вехаш велахь -   дика ваха лаьа, кхин д1адолу х1ума цунна бие д1а а ца хета.   
Мансур
И бие д1а-м ца хета, шайна луъург ас дичахьани. И бие
д1а… - куьг ластош, кхин а карзахволу. 
Билал
Хьо церан лаамашка ма хьежа, айхьа дан дезарг де…
  Цу дашо лоцу Мансур. Тап олий д1атоь. 
Мансур
Ахь алахь соьга, ас х1ун дича, бакъахьа хир дара…

Мансуре хаддаза телпо йетта. 
Мансур
Хьуна гуш ду-кх, х1акхара а ца вуьту са даккха, са до1а. 
Нахана йуккъера х1ара шиъ тергал веш хуьлу Мансуран ден шича Ширвани а, цуьнан гуо а.

Билал
Вайн йо1 кхелхина. Иза нисделла цунна т1е машен тоьхча. Х1инца ладог1алахь. И машен лаа а лууш тоьхна, хаьа а
хууш тоьхна? Ца тоьхна дера. Ларамаза нисделла ду-кх. Ца хууш нисделлачунна ч1ир кхайкхайе ма ца боху
Шари1ато, къастаде боху-кх.
Мансур
Нахана дан х1ун шапа1ат ду вай? 
Билал
Аллах1 резаваре хьалхара г1улч йаккха. Куьг бехке воцург массо а маьрша вита. Тахана ка а йаьлла хьайчара
и к1ант воь-кх! Т1аккха уьш арабевра бу ч1ир кхайкхина! Цхьаъ хьалха сацавезаш ма ву. Делах кхоьрург хьалаха
сацавезаш.

Мансура д1аса хьийза.
Мансур
Оха цхьа сацам бийр бу, хьалха хьоьга хоуьйтур ду хьуна ас. 
 Пет1амат йу бинжолг болучохь йехаш. «Дош» говзар а хуьлу кхузахь йоьжна, кхин цхьа кехаташ а, шен т1ехь байташ йолуш. Цул т1аьхьа дошам схьаоьций «бекка» боху дош х1ун ду хьожу. «Бекка» - п1елг охьа шерша йоь1ан. Карадо. Д1адоьшу. Йуха кехаташна т1ера йоьшу:
«Бералла сан йан а йацара,
Йа со цуьнан а вацара.
Бералла, бералла,
Масанне хьо йолуш йацара.

Легашкахь къурд ца балуш д1алоцу кхуьнан. Къурдаш дой кхин д1а а йоьшу кхуо.

Сатеснарг - г1енаха гуора,
Цахиндерг – собарехь гуора.
Бералла, бералла,
Масанне хьо маьрша йацара.

Ша 1ачуьра хьала а г1оттий, генна д1ахьежа х1утту х1ара, т1е1аткъам хилла кхунна цу дешнашех. Кхузахь кхуьнан б1аьргара хиш ледало. Кхуо балдаш 1уьйду, б1аьргаш хьебба бо, къурдаш до халла.

Вай дагийча, шел дан г1уртий,
Ненан кийра буьллу ша…
Вай шелделча, дохдан г1уртий,
Ц1арах йогу меллаша…

Ах1и, - олий йоьлху х1ара. Кехаташ охьа кхуьйсу. Куьйгаца корта лоьцу. Иштта хан йолу. Йуха т1е а йог1ий кехаташ схьагулдой бинжолгана т1е хуу. Дукха хан йалале, дохк йог1у, бинжолг ша д1асаболало хехкабала, х1ара т1аккха кхералой д1айоду цигара.

Бакаран керта Хизир вог1у, коста дахьаш. Саламаш лой х1ума до.
Билала хаам би соьга, куьг бехке воцург шаверг а маьрша ву аьлла. Делахь а, цкъачунна тезета гучудовла ца лаьа царна шу.
Чингиз
Альхьамду лиЛлах1и. Х1инца маьлла а аттачу долу г1уллакх.

Бакар
Вай массара а олу-кх Альхьамду лиЛлах1и! Бакъду, уьш х1инца кхин а ч1ог1а бекхам эца т1етаь1ира бу. Цу к1антах бац кхин цхьа а хаам.
Хизир
Аллах1 ву х1уманна ницкъ кхочуьйтург. Цуьнан карахь т1ийргаш бен йац вай.

Хьаннашкахь ламанца.
Бекка
К1оршаме ву хьо, кура а, цхьа а хьуна возалле ца хуьлу. Ас-со ду хьан. Амма иза шадерг а хьан кирхьа дуйла кхетта со. Хьайн цхьа къайле йу хьан.

Рашид
Хьоьх а хир ву дика психолог. Ас дешна цунна. Сан дена а, нанина а ца лаьра. Со сайчунна т1ера ца велира. Х1етле а, жимма амалш йевзуш вара со церан. Суна хаьра, сайна луург аса, цаьрга т1е муха лоцуьйтур ду.
Х1ара шиъ кхин вист ца хуьлуш д1аоьху. Цхьанхьа садо1а соцу. Рашид д1атаь1а, наб йан воллуш санна. Х1ара ша вуьсу. Х1ара жимма волало шен г1ийла ойланаш йеш. Йуха байт йоьшу. Рашид къайлаха ладуг1ш ву кхуьнга.
«… - Х1ун лозу хьан, Нахчийчоь, х1ун лозу,
Турпала къонахийн мохк?
Х1ун ду хьан ойланаш г1елйина,
Йуьллийтуш аренца дохк?

- Сан лозу даггара дешнаш,
Къонахийн некъаш сан лозу,
Сан дуьхьа беллачийн хьегарш,
Бисначийн вовшашца зиераш.

- Х1ун лозу хьан, Нахчийчоь, х1ун лозу,
Къаьмнашлахь ц1е йахна мохк?
Муьлхачу балано хьовзийна,
Йуьллуш йу хьан букъ т1е дохк?

- Сан лозу буоберийн б1аьргаш,
Зударийн б1аьрхиш сан лозу,
Сан дуьхьа беллачийн доьзалш,
Уьш бицбеш баха кечбелларш.»

Рашид
Х1аъ, иштта-м ду. Хьена йу и байт, ахьа йазйина?
Бекка
Канташи йу.
Рашид
Дика ду хьо соьца нисвелла, айса дан дезачуьнан б1аьрг серлабела сан.
Бекка
Х1унда? Х1ун хаам би хьоьга кху дешнаша?
Рашид
Иза деха дийцар ду.
Бекка
Х1ун дуьйцуш ву хьо?
Рашид
Наха санна ма лолахь хьайн хаттар. Дега йуккъе д1а чу воьду-кх хьо. 
Бекка
Т1аккха?
Рашид
Буьрка тухур йу, церан кевнаш чу!
Бекка
Дика ду, со вайниш лардеш хир ву хьуна. Со 1емар ву хьоьца, ахь дечуьнга а хьожуш.
Рашид
Ца воллу хьо йуг1а вала-м.
Бекка
Хьан маттара дешнаш ду-кх: «Дика ду хьо соьца хилла», - ахь жимма хьалха аьлларш.
Рашид
Валол, д1ата1ал, х1ара йуьхь бен йац. Вайна ца хаьа х1ун т1ом бу хьалха берг. Тховса кхин байт ма йешалахь…
Тийналла х1утту. Камеро гойту х1ара ший а шаьшшинни ойла йеш вехаш хилар. Бекка вист хуьлу.
- Гуттар а халнаг тийналла ла ду. Тийналлица ларавой хьо, хьоьга х1уъу а лалур ду. Хьайца беш болу т1ом цу тийналлехь беш бу ахь, иза уггаре а хала т1ом а бу. Цхьа доккха х1ума а тийналлехь кхоллало, амма нахана йуккъе маьхьарца дог1у иза. Т1аккха адамца тардала а г1уртий, йишхаьлла а дуьсу.
Рашид
Сан ден дас дуьйцура: «Хьалха, шира заманахь, нахчаша шайн бераш, т1емалой хила кечбеш иштта 1амабора: тийналлеххьий, цхьалхаллиций.» Царех т1аккха эшацалун къонахий хуьлуш а хилла. 
Ас ойла йо: суна сан дедас а мелла а х1ума хьийхара, амма сан ницкъ ца кхеча цуьнан васеташ кхочуш дан. 
 
Бекка
Цхьа жимма садо1а. Хьан оьмар муха йазйина вайна ца хаьа. Суна хьо даккхийра г1улакхаш деш гина. Халонаш гур йу хьуна, делахь а хьо чекхвер ву царех хаза оьзда, доьналлийца. Дала мукълахь.
Бекка ша висана, шен ойланашца йуха а. Рашидна тар тесна. Беккана Пет1амат дуьхьала тосу. Цуьнан аз хеза: «Хьо цара ве-хь? Вала лууш ву хьо? Деца, алахь х1окху…
Рашид а, Бекка а новкъа вог1у. Зумса чу воьдучу меттехь ву х1ара шиъ. 
Рашид
Гуш дуй хьуна х1ара г1арол? Марханаш даима а г1арол деш ларбеш бу и З1умсой лам. Х1ара шен цхьа къайле йолуш бу бохуш, дийцарш ду кхузахь. Нах ца теша, со-м теша.
Бекка
Вайша дукха эвхьаза лела кхузахь. Вайшиннах неха б1аьрг кхетахь…
Рашид
Къуонах цкъа вала веза, мох моссаза хьокху а ца леш. Хьо вуха верза, дохковаьллехь.   
Бекка
Г1ала охьа а г1ой, майдана охьа хаий вайша, кехат т1ехь вайшинна ц1ераш а йазйай?
Рашид
Хьо реза велахь, суна мегаш ду иза?

Рашид а, Бекка а берашна т1енисло. Майданахь бераш ду буьрк тоха гулделла. Шайцани ловза х1ара йукъа вала г1оьртича, цара х1ара ца ловзуьйту. 
Аслан
Накъост, х1ара хьан ловзар дац, ц1а а г1ой хьайн туьйранаш деша. Кхунах ловзурш челакха нах бу.
Бекка
Буьрка йукъа йаккха, челакх вайх муьлхарг ву гур ду вайна.
Мурад
Аслан, ахь иза коьртачух ца кхетий. Х1ара ловзар тхан ду, хьо хьайна новкъа д1аг1о.
Аслан
Аса шен меттиг д1агайтана кхунна, Мурад, хаза аьлча ца кхетахь, к1оршаме а човхор ву.
Т1е а хуьлий Беккан пхьаьрсех п1елгаш 1уттий:
- Вало хьайн, баппиш даъ, зудабер хуьлу иштта.
 Г1ад воьдий велавала волало. Беккас, ч1енги к1ела хьала х1ума тухий кхосса волуьйту, охьавожаза а волуш.
Бекка
Зудабера-м хьа ду шен сий долуш, хьо а ваьккхина кху дуьненчу зудчо, цхьаьна хенахь зудабер хилла долчу.
Аслан
- Хьайга хаза аьлча ца хиа хьуна. Х1инца хьан пес йохйийр йу.
Латар дан кеп оьций д1ах1утту. Вукха бераша го лоцу. Лета х1ара шиъ. Беккас эххар вожаво Аслан. Иза 1уьллуш а волуш, Бекка д1авирзича, д1анехьа вала, кхунна хьалха пен санна латта д1ах1утту цхьа б1от1а, ча санна волу. Цуо х1ара меттах ца волуьйтуш сацаво. Легаш 1уьйду цуо кхуьнан, х1ара цуьнан карахь ветта ло, кхин х1ума дан ницкъ ца кхочу. Иштта х1ара шиъ воллуш, гуонах берш лаьтташ а болуш меттах а ца хьовш, мичара йела ца хууш, б1от1ина коьртах 1аса кхета. Рашид ву 1асан да. Бекка парг1ат волу. Халла са де1а г1ерта х1ара. Рашид буьрса хьоьжу кхаьрга. Буьрка а кхуьнан кога к1елахь 1уьллу.
Рашид
«Х1ара дуьне» шаьш ловзур ду боху аша? Шу «дуьне» х1инца сан кога к1елахь 1уьллу-кх. Ма сиха хийца дела шуьгара хьал, х1а-н?
Рашид, буьрка йолчахь йуьтий йустах волу. Буьрка къовса а йуьтий. Сиз хьокху шегарчу г1ажца.
Рашид
Х1ара «дуьне ду», дезачунна, ткъа х1ара сиз бу, шел т1аьхваьллачунна эхарт хир доцуш. Хьанна - муьлхарг деза?
Царех цхьаммо олу:
- Х1ара буьрк бен ма йац, - мира тухий, кхуссий йог1ийту, къайла йолу. Важа бераш доьлу х1инца. Рашид вист хуьлуш белар д1адолу.
Рашид
Иштта, хила а ца хилча санна д1адера ду х1ара дуьне а. Дуьне лернаг – ши куьг ластийна г1ура ву Аллах1ан дуьхьал. Эхарт лернаг а г1ура ву шен куьйгаш десса Цунна дуьхьал. Бакъ ду, Дала уьш, башх-башха т1елоцур бу. Дуьне дезнарг банкрот волуш, д1а ма даьллий иза, эхартан садиттинарг – шен сийлахьчу х1усаме вухавоьрзур а волуш. Иза – Йалсамане йу. Лаам шуьгахь бу.  Къуръан аяташ (2/200-2/203): «Среди людей есть такие, которые говорят: «Господь наш! Одари нас в этом мире!». Но нет им доли в Последней жизни. «Но среди них есть такие, которые говорят: «Господь наш! Одари нас добром в этом мире и добром в Последней жизни и защити нас от мучений в Огне!». «Им уготован удел за то, что они приобрели. Аллах1 скор в расчете».
Бекка
Оцу буьрканах дика масала далийра ахьа. Хьо вовза мел вевзи а цецвалар алсам долу сан.
Рашид
Цхьаъ ала ма дезара цаьрга. Хьо-м хилла тасалур волуш. Делахь а кхин а дика лата 1ама везар ву хьан. Суна вевзуш ву, каратэ 1амош верг. Пайденна хир ду хьуна 1амар. 
Хьамзат т1евог1у кхарна.
Хьамзат
Маккхалан к1орнина т1емаш дойла схьахетарехь.
Рашид
Со суо ду х1инца маккхал.
К1ант, тхойшиъ вист хир ву, хьо дехьа вала.   
Хьамзат
Хьоьга коста д1ало аьлла, хьо кху аг1ора гахь. Маккхал к1орни, ша т1ема дала г1ортахь, иза таллархочо дожор ду алий. 
Рашид
Хьо хьенан «метта мотт» бу дийцал суна. Т1аккха бийра бу аса сайн сацам?
Хьамзат
Т1аккха иза хьан сацам хир бац, церан сацам хир бу. Коьрте болх байта. Бехк боцучеран ойла йе. - Д;аваха воллу иза.
Рашид
Иштта д1аваг1а воллу хьо? – кхуо пхьарс лоцу цуьнан.
Вукхо кхунна х1ума йоьлийту, х1ара дикка лаза а веш. Эццэхь Амин т1екхочу. Т1аккха лета иза шиъ.
Амин
Суна а тухур йарий ахьа, йа хьо берех бен лата ца ваьхьа?
Хьамзат
Со пис ву-м ца моттаделла хьуна. Схьа т1ехилал цкъа.
Х1ара шиъ лета каратэ йеш. Йуха Ахьданар а т1е кхочу. Хьамзат сихха Амина лере шабар дой, д1авоьду шен машинахь.
- И к1ант ца сацахь цуьнан, йуххерчарех хьакхалур ду х1ара. Суна хьо вевзу, Амин. - Хьаьнгара бу и кхерам? - Цуьнан ден болх-некъ. Хьо ма ву цунна г1о деш. Ас хьоьга х1умма а ца аьлла хьуна. Цуьнца дуккха а нах хилла со йуг1авелар эр ду ас. – Мохь туххий: – Х1а-н, д1авала, шайна дикка лата 1амаде!
Бекка, Рашидна т1е х1уттий:
- Цхьаъ – цхьаъ. 
– Хаъа лаьа хьуна? 1ен ца вела? Цхьа шира туьйра дуьйцуш вара иза. (Воьлу.)
Бекка
Хьан самукъа даккха веана ма хилла из-м?      
Рашид
Хьоьх х1ума т1ехтила ма хала дара. Х1ара хазлуш ду т1аь-т1аьхьа.   
Амин
Нисса боху оцу жимчу къонахчо: шен хеннахь сецнарг тоьлла ву.
Рашид
Шу цкъа а ловзаргахь ца хилла: иза туо деллачу меттехь, тхьамдас ловзар чекхдоккхуш шуна мичахь гина? Уггаре а маьрза меттиг х1инца а хьалха йу. Со цунах чам баккха воллу. Аса х1инцалца 1аьржан-к1айн къастадора х1ума, адамаш тешам хиларца довза дезаш хилла. Дехьа верг - сехьа а хуьлу, хьоьца цхьаьна шуьнахь йуург а - харц нисло.   
Амин (йуххе д1а т1е а хуьлий) -
Куьг бехке воцург витина цаьра. Билал бохуш, цхьа хьафиз волуш стаг ву, и г1уллакх шена т1елаьцна. Хьол а ч1ог1а Бакар волчух тера ду цаьрна оьшург. Шадерг а нахарш ду. НАХАРШ!
Рашид
Кхетта. Чингизе, тховса со кхузахь лаха алахь. Х1ара кехат д1а а ло цуьнга. - Хьарчийна кехат д1акховдадо.
Х1ара шиъ художникашца дехьа волу. Циггахь: Амин, Ахьдан, Ризван а ламаз дина а бевла тесбахь доккхуш бу. 1ела т1евог1у жимма 1ийча. Кхушимма а до цаьрца жама1атехь ламаз.
Ахьдан
Аллах1ан хастам бу-кх, Цуо вайна х1ара ламазаш т1едехкина. Ламаз ма диннехь сапарг1ат долу хьан, мел болу бала а д1а айло хьуна т1ера. Валлах1ий йиш ма йацара х1ара ламазаш дацахьара. Б1озза ирхоллавелла велла хир вара со, бусалба вацахьара. И бу-кх цхьа дега хьаам. Моссуьйта а художник ша шен тоьхна а, ирхъоллавелла а вала ма велла. Х1окху бусалба динах хьаам хуьлуш, к1елхьара волуш схьавеана-кх со, айса сайна вала ца леш. Делор бакъ ма ду иза. Эзарнаш леш ма бу иштта. Швейцари хьалхара меттехь йу боху. Социализм д1ах1оьттина йолу паччахьалкх. Суна хезна бусалба нахана йуьккъехь а ду и баларш дукха. Динца з1е д1ахадар и дацахь, суна-м ца хаьа иза х1ун ду? Аллах1а ма боккха къинхетам бина-кх вайх – бусалбанаш а дина. Вайна хаьахь.
Ризван
И йапонцаш а, немцой а хила безаш бара хьуна бусалба динехь, цу шина а къома вадда вайчух тера ма йу. Х1ан?
Амин
Некъ чекх ца баьлла х1инца а, малх чу ца буьзна. Малх, буссера схьакхетча-м, - т1аьхьа хир ду массарна а.
Ризван
Цхьа х1ума а хета суна. Сирехь т1ом, цигахь 1иса пайхамар (1алайх1и салам) восса везаш вуй а хууш, цигахь долу хьал шайн карахь хилийта баьккхана т1ом бу. Кхин цхьа а боккъала бахьана а доцуш. Хуушверг цхьа Аллах1 ву. 
Суьрташ ду д1ах1иттийна. Ахьданан а, Аминан а. Суьрташка а хьоьжуш, Рашида хотту:
Мах хуьлий шушинни суьрташан?
Амин
Ахьдан велла цхьа б1ешо даьлча хир бу кхеран мах. Ас т1аккха деза д1адухкур ду уьш кхуьнан. Сайниш иэццала к1езга мах болуш дац.
Ахьдан
Цу хенахь ша маликаш уьш ца иэцахь, адам хир ду моьттуш вац со.
Йуха ц1аьххьана Ахьдана хотту.
Хьо к1ант хьена-мила ву? Хьо сайна ч1ог1а вевзуш волу сурт х1уьтту-кх суна. Собардел, собардел.
Воьдий шен суьрташна йуккъера цхьаъ схьаоьций схьадахьа. Сурт т1е хьожу, кхуьнга хьожу. Эххар а сурт массарна а д1агойту.
- Хьовсийша х1окху балхе.
Сурт Беккан хуьлу. Массо а цец–акъ волу.
Ахьдан
Шайна ца лаахь ма теша, г1енах х1ара т1аьхьара ца ваьлла диллина ду х1ара. Х1ара к1ант вацара иза, амма кхуьнан йуьхь йара суна схьаоьхьуш: хаьржинарг ву х1ара бохуш. Мила ву хьо, жима къонах?
Рашид
Х1ара мила ву вайна хуур дац. Амма х1ара зие йиш йу. 
1ела
Масала?
Рашид
Амин, ахь ала т1аккха, хьо цхьа х1ума да воьлча стенна т1ера доладо иза?
Амин
Дегаойлана т1ера. Цхьа х1ума дагатосу хьуна, цунах ахьа хьайн пох1малин г1ирс бо-кх. Аса иштта до-кха сайн дагадеанарг.
 
Бекка ц1ийлой, кхохкалой д1ах1утту. Цхьа дег1 дега до кхуьнан.
Ахьдан
Ойланаш дукха ма хуьлий, пох1маллин болх дагатасарца хуьлуш бу, иза бакъ ду. Ойланаш цул т1аьхьа йо ахь, хьайна дагатеснарг кхочуш муха дийра дара ахьа олий.
Бекка
Иштта хир ду иза-м. Алийша, оцу дагтесна йолчуьнан   чулацам х1ун бу? Цуьнан кеп-хорма а х1ун йу?
Амин
Дагатеснарг х1ун ду хаьа деза.
Ахьдан
Х1ора а дагтесанчуьнан шен 1алашо хир йу.
1ела
Со кхийта хьо х1ун ала г1ерта. Муьлха а цхьа белхан кепехь дерг лоьху ахьа?
Амин
Х1аъ. Аьрра вай: композицин чулацам суьжет йу, ткъа хорма – суьрта т1ехь ахь гойтург ду.
1ела
Бакъдерг лара мегар ду-кх.
Ахьдан
Муьлхачу а дилланчуьнана бохий аш?
Бекка
Х1аъ, гайтанчуьнан.
Амин
Х1оранна а шен ма ду бакъдерг.
1ела
Бакъдерг шен-шен ду, амма ц1ена бакъдерг цхьаъ бен хила йиш йац. Иза бохий ахь? Бекка - йарий хьан ц1е?
Бекка
Х1инца атта хир ду. Оцу ц1ена бакъдолчуьнан чулацам х1ун хира бара?
1ела
Кераста неха ойлайархоша аьр вай, цуьнан чулацам - иза СА ду боху. Хьо реза вац цуьнца?
Бекка
Вац. СА, йа Джабраил малик лору (1алайх1и салам), йа ша Са лору. Кхин а лакха кховда везаш ду.
Амин
Лахахь 1ад1ийча г1оле дацара, лаьттахь, стигала вала а ца г1аьрташ…
Бекка
Адам иштта ма ду, хаддаза цхьа х1ума лоьхуш, т1аьхьа кхиа лууш. Хьуо а ца го хьуна, хьайн пох1маллица. Муьлхха а пох1маллица верг иштта. Кхин цхьа сиз дехьа ваьлча муха, х1ун гура дара хьажа г1ерта-кх адам.
Амин
Лаьттахь 1ад 1ийна хилла велара со: йуьрист, йа лор, йа банкир а хилла.
Бекка
Кхин цхьа х1ума а: Дала Адам кхоллар бу коьрта хилам, йа иза Йалсаманера араваккхар хуьлу?
1ела
Хьуна муьлхарг хета?
1ела
Х1ун бу чулацам дагтасаран? 
Ахьдан
1елас ма аллара: СА ду аьлла сецна дуй-те, цуьнан хьал? 
Бекка
Ц1ена бакъдерг, 1арбийн маттахь аьлча – хьакъ, г1азкхийн маттахь – истина. Цу хьаккъан чулацам Аллах1ан Дош ду. Ткъа хьаккъан хорма – дагатеснарг хуьлу.
1ела
Адам кхолларах дерг.
Бекка
Адам, адам кхоллар предл. обст. йу, ткъа исходны событий ибл. мук1арло ца дар хуьлу. Эццера д1адоладелла ду адам зиер.
Х1орш шайначул цец бевла лаьтта. Рашидна геннахь йог1у машенаш йевзу, т1аккха х1ара сихха д1аваг1а тохало.
Рашид
Бекка, хьо кхарца саца, сан цхьа г1уллакх ду. Суна карор ву хьо.
Иза а олий, д1атасало х1ара. Амин т1аьхьа воьду. Бекка а, сиха т1аьхьа воьду цунна. Биснарш хуьлучух ца кхийта.
Амин к1ант сацаван г1урта.
Бекка
Иза эрн ду. Со цуьнца ву, шу суна муьлш ду а ца хаьа. Некъ маьрша бита суна.
Амин
Ларлолаш, суна дика хета хьо цуьнца накъост волуш. 
Бекка
Вайшимма хан йойъу…
Амин
Дала 1алаш войла шуьшиъ.
Машенахь берш геннара хьовсий, йуха машенаш кхечу аг1ора д1айохуьйту.
 
НАЧАЛО ЧЕТВЕРТОЙ части
Г1амарийн аре.
Шортта нах бу Хьажц1а баха бевла некъехь. Цхьаболчарна т1ехь ихьрам ду, вукхарна нахчийн духарш ду: чоанаш а (г1овталшца), таханлера вета болу духар а. Божарийн мог1анаш шаьш ду, зударийн мог1анаш шаьш ду. Г1аш бу берриш а. Х1орш боьлхучу новкъахь вордех дисна дакъош ду ме1-ме11ехь генна д1а гуш. Ц1ераша йу кхаргахь летийна, дечиг буьххьехь бехчалг ч1аг1йина. Цхьаболчаьргахь смортфонаш йу чиркхаш латийна. Х1орш иштта некъехь болуш буьйса схьакхочу. Буьйсана а д1аоьху х1орш, цкъа садо1уш болуш а гур бу. Йаккхийре ц1ераш летийна бехаш бу х1орш. Къуръан доьшуш хеза. Камера генара схьа т1ейог1у кхунна. Гуонах а бу нах 1аш. Божарех массех гуо бу, царна т1ехьа гуонаха зударий а 1а. Дехьо кхехкхош чайна хи а хир ду. Иштта боккхуш йай а хир бу. Йай, ши ч1уг йолчу г1удалкхи т1ехь лелош бу. Къуръан дешна бевлача, хьехаме ладуг1у кхара. Вокка ву дуьйцуш.

Вокка
Аллах1а массарна а цхьатерра ц1ена дегнаш ло кху дуьнет1е Ша синош схьахьовсош. Дуьненчу а долий бера кхиа долало. Кхиарцаний дегнаш бехдала а. Иза дика хууш волчу Дала Къуръан доссийна бусалба нахана г1оьнна. Цу Сийлахьчу Каламо шен нуьрца серло ло хьуна, амма цу серлонца д1авахар - хьуна т1ехь дитина Дала. Т1аккха х1ун ло Къуръано адамна?
Цхьаъ вист хуьлу:
1алашо (цель).
Вокка
Хьо кху дуьненчохь вехаш хилар иза йу хьан 1алашо, леха а ца йезаш. Къуръано Аллах1аца вАзар ло. Цуьнца йуххера гергарло леладан, йукъа меттиг д1ах1оттайан, Цуьнца къамел дан, дагавийла. Боданах к1елхьара воккху тептар ду-кх иза. Массо а адам цкъа хьалха тиллалуш хуьлуш ма ду кху лаьттат1ехь, Дала к1елхьара даккхалца. Иштта къамелаш вайна башха деза а ца деза. Делахь а вай т1е ца лацарх, цу х1умнашца дехаш-м ду вай. Хьажал: вайн Пайхамар (солаллох1у 1алайх1и ва саллама) а ма ваьккхина дала тиларчуьра к1елхьара, Къуръан а доссийна. Иза хууш дуй вай? Шовзткъа шарахь кху лаьтта букъ т1ехь д1а ма лелла иза Аллах1 вуйла а ца хууш. Аллах1 ца вовзар тилвалар ма ду. «…Ва важадака д1оллан фах1адаа» - «Цунна тилвелла ма карийра хьо, йуха нийсачу новкъа ма ваьккхира хьо» - боху Дала Шен Аьлчане, Мухьамммаде (солаллох1у 1алайх1и ва салллама). Аллах1е х1ора ламазехь вай и нийса некъ ца боьху, вай тиларчохь ма дита бохуш? «… их1дина сирот1ал мустакхим…» Цуьнга и нийса некъ х1унда боьху вай   хаддаза? Дера боьху, цу тиларчуьра вай арадовла ца кхуьун дера. Ваьш мичахь ду вайн ца хаьарх, кхана хьо д1а ма кхелхинехь хуур ма ду хьуна, хьо х1ун базарш кегош лаьлла кху лаьттат1ехь. Кераста неха законо х1ун боху: «Хьуна закон ца довзарха, хьо цу законах к1елхьара ца волу». Хьо луьстачу хьуьнхахь тилвеллехь, йа г1амарийн арахь виснехь тиллавелла, уггаре а хьалха оьшург х1ун ду? Йуург а йац, мала хи а дац. Уьш ца хилча а ду хала, делахь а тиллавеллачунна хьалха оьшург цигара к1елхьарвала некъ бу. Бакъонна т1ебоьдуш шиъ некъ бу. Цхьаъ беха, важа боцца. Бехачу новкъа боьлхуриш дукха хьолахь цига д1акхачале лей д1абовлу. Боца некъ – иза вуно хала некъ бу. Ша долу дуьне а хьуна дуьхьала долу цу новкъа ваг1а хьо г1ортахь. Хьуна ондда доьнал оьшу цу новкъа ваг1а. Хьайн дезаш долу дуккха а х1умнаш 1адда дита дезаш ма хуьлу хьан цу балхаца. Уьш дита атта ма дац.

Адам ву некъехь. Аз хеза кхунна.
АЗ
Х1ай, Адам! Хьуна муха хиира хьайца ахь хьош долу нур Сан аьлчанан дуйла?
Адаман хаьа, Аллах1ана хаьийла шена иза стенгара хаьа, х1етте а Цуьнга лерам беш:
Адам
Йа, Аллах1! Суна йалсаманехь волуш Ахьа хьайн 1арш гайтира. Цу т1ехь лакхахь йозан тидам хилира сан. Лакхахь йаздина йоза дара: «Ля илаьх1а иллаллах1», цунна лахахь: «Мухьаммадан Расулуллах1». 
АЗ
Х1аъ. Аса ша долу 1алам а, Йалсамане а, цуьнан дуьхьа кхоьллина ду. Суна оццул дукха везар ву иза. Аса цуьнан умматца мух1ар тоьхна дуьнент1ера валар-висар чекхдоккхур ду. Аса, эхартахь, хьан берашна шафа1ат а цуьнга дойтур ду.
Адам
Иза иштта делахь – Хьуна везнарг суна а вийзи-кх, - йа, Аллах1.
АЗ
Хаттал 1абдуллах1.
Адам
Хьаж динчера массера а хир дуй къобал, сан берийн?
АЗ
Сан дуьхьа нийат долчуьнан хир ду къобал. Кхин цхьаьнний а хир дац. Ихьрам духар бен дац, дагца иза дацахь.
Адам
Робби, Хьан хьошалла дац иза? Ахь кхайкханиг бен ван йиш хир йуй Хьан Ц1а долчу?
АЗ
Нийса ду хьан иза. Ц1а духа хьаладуттуш заманахь, Ибрах1има Пайхамара цхьа долу мог1анаш дуттур ду, шадерш дац. Йукъ-кара мог1анаш иблиса а дуттур ду. Ас кхайкхинарш - Со волчу бохур бу. Ас не1алт аьллачо кхайкхинарш - цуьнан хьеший хир бу. Иштта къаьстара ду.
Адам
Иза муха билгала хир ду х1оранна а?
АЗ                Церан дагца хир ду иза. Иштта хуур ду х1оранна а шен хьаж къобал хилла, йа ца хилла. 
Аз д1адов. Адама кхин шен корта хьала ца ойбу. Иштта веха х1ара. Йуха до1а до.
- Аллах1умма! инни з1оламту нафси, зульман касиран, ва ля йаг1фиру зунуба иллаь анта, фаг1фира маг1фиратан мин 1индака вархьамни, иннака Ант-аль-Г1афурур-Рахьим.

Рашид а, Бекка а ломахь, хьаннашкахула д1аоьхуш ву.   

Бекка
Вайша малхбузе аг1ора г1ура ву. Цигахь дика хьиэхаш йу. Хьо х1инца лохучо кхузахь лоьхур ву. Цаьрца а ма хир бу  говза нах, х1ара меттигаш йевзуш.
Рашид
Хьо царел а говза ву ала воллу хьо?
Бекка
Ахь ас бохург дичахьана, вайша эха шарахь а карор вац царна. Йан цкъа а.
Рашид
Суна башха а дац. Ахь элларг деш лелаш вац вайша кхузашхула. Г1алахь велахьара атта хир дара суна. Сан лаьмнаш – г1ала йу.
Бекка
Хьо г1елвеллехь садо1ар ду вайшимма.
Рашид
Г1ел а велла, мац а велла. К1ордош а лаьтта.
Бекка
Цецвала меттиг бац. Ларт1ехь долу адам иштта хуьлу.
Рашид
Ткъа хьо?
Бекка
Аса сайга совнаха йолу ойланаш ца йойту. Цкъа 1алашоне кхаччалца.
Рашид
Хьан х1ун 1алашо йу?
Бекка
Вайшиъ цу нехан кара цаваг1ийта.
Рашид
Хьуна цаьра х1умма а дийра ма дац, хьо ц1авахчахьана.
Бекка
Т1аккха-м вайх нахчий ду а х1унда олура, кхерам ма хилланехь куьйгаш хьалаойбуш хилча. Халонаш, баланаш, вайна чохь са мел де1ало лаьттара йу. Хьо кхузара ц1авахча, хьан кхин баланаш хир бу. Уьш хьан лахлур бац, текхетарий бен. Х1ара хьан дарс йу. Дала хьо чекх воккхуш ву, кхин баккхийрачу белхашна. Иштта иза дацахь, хьуна, дуьххьала д1а вайн мохк бовзар а хир ду, керла некъаш а девзур ду.
Рашид
Г1уллакхаш хьаха делчара, со кхета везаш меттиг бар-кха? Х1ун олу ахь – хьуьнан мафиози?
Бекка
Иза а далур долуш х1ума ду, меттиг ахь схьайийца.
Рашид
Суна а хуур ду х1инца цига ваг1а. 
Бекка
Хьуна иштта лаахь, мегар ду.
Иштта новкъахь ву х1ара шиъ.
Рашид
Цхьа х1ума а дика ду хьан. Хьо к1орда ца войту ахь. Амма хьуна иштта ницкъ хир бу. Хаьттарш хила деза. Х1уманна к1орге хилла ца 1аш, х1ума шуьйра схьалоцуш а хила веза.
- Йоккха ойла йе бохург ду-кх хьан иза.
- Ду. Цхьа ницкъаш бу кху дуьнент1ехь, йаккхийра корпарацеш йолуш бу и нах, царна ца лаьа адамо йоккха ойла йан. Царна адам шайна дацо лаьа. Царна башха а вац хьо: христианин ву, иудей ву, бусалба ву, йа малхан 1ибадат деш верг ву. Цара х1ара дуьне д1алецна. Талор даржош бу уьш. Цара къестош бу динехь берш а, йукъа питанаш туьйсуш; къаьмнашна а, паччахьалкхашна йукъа питан а цара даржадо, йуха т1емаш а бойту.
- И хууш бац, ткъа – баккхийрнаш?
- Бу хьаха. Амма вукхеран болх х1илланца бу. Цкъа хьалха стагера ледарло а йолуьйтий, т1аккха цуьнга шайна болх бойту.
- Ахь ца бича?
- Х1инца вайшингехь долу хьал х1отта до-кх. Иза вен т1аьхьа бовлу.
- Хьо царех ведда лелаш ву? – Цхьа татанаш хеза кхарна.
- Рицкъ хилахь, мацца а цкъа кхин д1а хьехор йу вайшима х1ара чурх. Хьо кхузахь саца, со вист хилла схьавог1у хьуна. Хьо цунна гар дика хир дац.
Х1ара дехьа волий, жимма некъ бо. Бекка иза ша волчера тергалвеш 1а. Рашид соцу. Цуьнца къамел деш верг Чингиз хуьлу. 
Чингиз
Хьуна хаьа лаьа церан т1аьххьарлера конракташ хьаьнца йина йу а, церан ц1ераш а. Хьан дега, Бакарна а ца хууш, сан иза дойла йац. Цуьнан соьх тешам бойра бу.
Рашид
Т1аккха хьо х1унда веара?
Чингиз
Хьоьга цхьа х1ума ала, хьо тешийта. Цера ч1ог1а йаккхийри таронаш йу. Хьо ц1аверза везара, со волчахь хьуна цхьа а кхерам хир бацара.
Рашид
Со берд йисти хиана 1ашехь, и берд чу херцина сан. Х1инца дехьара бердан т1ехь сацавала хьажа везаш хуьлу со. Сехьи кхин йац.
Чингиз
Хьуна товр дацахь а, ас эр ду хьоьга. Хьуна гинарг эцца охьадоьду Орга хи бен дац. Хьуна боккъал а дуьхьал лаьттарг – иза динна х1орд бу. Хьан неканца хьо мел гена вер ву цу чохь? Хьо деккъа, цхьаьна ч1ераша вуур ву цигахь. 
Рашид
«Нека хуург хих ца кхерра». И х1орд а бу оцу Орга-хих бекхаш. Ас, и апари д1акъовлара ду царна.
Чингиз
Йуха а боху ас: акулаш дуьхьала хин ч1ере х1ун далур ду? Кхин а ду. Хьо х1инца 1едал белхалоша лохуш ву. Церан кара ваг1а ца лаахь, ахьа ас бохург дан деза. Аса хьо къайлаха дозанал аравоккхур ву.
Рашид
Т1аккха-м со шозза лурвоьлла ма хуьлу?
Чингиз
Ахьа айхьа бина белхи бу-кх иза. Со хьуна г1олехь дерг лууш ву.
Рашид
Марша 1ойла. – д1аваг1а волало. Вукхо т1ехь кхойкху.
Чингиз
Дакъаза ма вала! Стенах дог доху ахь, йа хьанах? Хьуна моьттурш аьттехьа хир ма дац хьуна! Метта вуола!

Билал ву хьехам беш.
Шен заманахь, вайн сийлахьчу Пайхамара, Делан Аьлча волчу Мухьаммада (солаллох1у 1алайх1и ва саллама) вайна нийса некъ гойту б1ог1амаш доьг1на, цу т1ехь билгалонаш а х1иттийна. И б1ог1амаш Делан а, бусалба динан а мостаг1аша меттара даьхна, билгалоншна т1е сираш хьаькхна, къайладаг1а дагахь. Кхин а йуххе хьокхий х1иттош белхаш бина мостаг1аша, вай тилдалийта. Тахана а совцийна а дац и церан зуламан г1уллакхаш. Цкъа хьалха христианаш сийсаз би цара, церан килсанаш йасса а йина. Х1инца бог1-бог1уш бусалба неха коча г1ерташ бу. Вай а ца деза цу хьолехь дийшина 1аьхка. 
Къуръан 1амо дукха таронаш йу тахана, Суннат денда а йу кепаш. Иштта хаьа йеза бусалба динан тарихь а. Хьалхара шиммо нийса некъ лур бу хьуна, кхозлаг1чо – цу новкъа нийса д1аваха масалш.
Тахана хьо къинойх вуьззина велахь а, т1аьхьа дац хьуна нисвала, Аллах1 реза ван. Ахь деха хьайн гечдар, мел дукха хьайн къинош делахь а: «ля такънату миррохьматиллах1…» Ша гечдо хьуна ма боху хьоьга хьан Дала, т1аккха, наха дуьйцучунга хьо ладоьг1на ма хилахь, хьайн Деле верзахь, Цуьнга ладог1ахь! Айхьа деш дерг к1езга хетий йуха ма валахь, Далла гергахь, деза ду хьуна иза. Хаддаза дан хьажахь. Нисвала г1ерташ волчуьнан дог духа ма теттахь, мелхо а хаза де-хь цунна иза; хьалхалера х1умнаш т1ех ма деттахь, иза шен кийрахь, дагца, ойланца, сица хийцалуш ма ву - хьуна цагарах, ца хаадаларх. Витахь иза Аллах1ан новкъа вАла а, ваг1а а. Хьаг1 ма лелайехь, сутара ма хилахь, пис ма хилахь, иштта нах Далла ца беза хьуна. 
Иза шадерг дуьйцучу хенахь, Билала шен буйнахь серий кегдо. Цхьанна т1ера д1аволавелла. Цуьнга уьш д1акхийдош ву г1оьнча. Цхьаъ д1ало, Билала иза кагбой, йуханехьа д1ало. Шиъ д1акховдабо, цуо кагбой д1ало. Иштта, кегдо, саригах хьокха хиллалца. (Уьш кегдеш царех лецна цхьа дош а эр дац. Иза васт хир ду, гуш долу х1ума.)
Стаг ша-шеца хила ца веза. Иза цхьалха хила везахьара Дала рузба дийр дацара. Далла джам1ат дукха деза. Х1ара сан ши кьуг гой шуна?! Итт п1елг бу кхарна т1ехь. Цхьа а вовшийх тера а боцуш. Цхьатера а доцушехь цхьана ду х1орш хаддаза. Х1орш а тоьура дара вайн масалина, вай вовший хьожуш хила дезарна а, бертахь хила дезарна а.

Хьунахула воьду х1ара шиъ.
Бекка
Хьо хьаьнца т1ом беш ву?
Рашид
Сан т1ом, сан къийсам: харц нахаца бу.
Бекка
Стенна вац хьо реза? Х1ун ду иза? Хьайна ца лаахь дийца ца оьшу хьуна.
Рашид
Хьо санна неха г1улкхана йукъа ца г1ерташ адам гина вац со. Хьадис лардеш ву моьтту суна хьо: «Шайн т1ехь доцчунна т1екхиа ма г1ерта», - аьлла долу.
Бекка
Адамо шена дийца луург дуьйцур ду, ца луург цуьнга дийца баха бакъо йац. Массо а шен ойла йеш хила веза, ша кхечуьнгара дош доккхучу хенахь.
Рашид
Нахаца долу х1ума хала дац. Хьайн йуххерчарца дерг ду чолхе. 
Бекка
Нах хала бац? Уьш ларбан бохург ду-кх сан и?
Рашид
Хьуна цаьргара х1умма а ца эшахь, хьо царех маьрша ву.
Бекка
Ткъа оьшуш хилахь?
Рашид
Т1аккха ахьа хьалха д1ало хьайгара, хьайна дуьхьала йезахь.
Бекка
Хьоьга ладоьг1уш, хьоьца т1екаре лелош х1инцалца со кхеташ ца хилла х1умнашна б1аьрг баьлла белла-кх сан, цхьадолчарна. Суна а караво-кх со сайна, муха эр дара иза… сайца со кегавелла… нийса муха хира дара ца хууш…
Рашид
Х1ора а стагца шеца ду дика а, вуон а. Вайн кийрахь йолу бактериш санна: ракан а, йовхарийн цамгарш, масане йу уьш. Стеган шеца йолу вуон аг1ора т1ейаьлча, шаверг а бехке во цуо, ша воцург.
Бекка
Х1инца ахь санний?
Рашид а, Бекка а хьулвелла 1аш ву цхьаьна хьехачохь. Йогуш ц1е а йу кхушинна. Цунна гуонах д1атарвелла х1ара шиъ. 
Бекка
Сан говзар ма йаьхьнера ахьа, схьайахьар йу аьлла. 
Рашид
Иза-м цигахь йисира, бинжолаг болучехь. Х1а-н, Бекка, хьоьга хоттур ду бохуш вара со: и бинжолг х1ун деш бу цигахь, к1отарна генна а баьккхина? К1отарна гергахь хила ца безара иза?
Бекка
Иза цигахь муха нисбелла-м ца хаьа суна.
Рашид
Хьан ц1е х1ун бохург ду хьаьжара со. Цу т1ехь х1ун дара хаьий хьуна? Бекка бохург – хаьржинарг, билгалваьлларг, возалле верг. Хьан дас тиллана хьуна и ц1е, йа…
Бекка
Сан ц1е Нухь йу. Сан ненан шича ву хьафиз а волуш, Билал, цуо тиллина ц1е йу Нухь. Бекка соьх к1отарахь олу. Иза дуьххьара йаккха волавелларг сан шича Зеламха ву. Цуьнгахула д1айаг1на суна и шолг1а ц1е.
Рашид
Билал элар ахьа? Хьан гергара ву иза?
Бекка
Ненан шича ву.
Рашид
Хьайх лецна х1ума дуьйцура долуш вац хьо. Х1ора а дош озийна даккха дезаш. Хьан да х1ун болх беш ву, ва, Ну-у-хь?
Бекка
Суна гина а вац иза, со дуьненчу а валале боьрдаха ваг1на велла, Шуьйтара Итон хьала воьдуш. Иза ла а ца делла сан нене, со а хенал хьалха дуьненчу ваьлла. Сан цхьа шо долуш, Нана а д1айаьлла сан, сан да д1ваьлча кхетта лазаро кхин д1а ца хоьцуш. Вайшинна хьолехь дийца хаза дийцар дац иза.
Рашид - Дала геч дойла царна. Х1инца мелла а серло йолуш лаьтта хьан тарихь т1ехь а, ламан борз.
Рашид д1асоцу. Дикка 1а, кхин вист а ца хуьлуш. Йуха, ц1еххьана.
Рашид
Бекка, йан Нухь, ца хаьа суна айса хьан ц1е муьлхарг йаккха йеза. Хьо сан коча веана ваьлла… Со – лурвоьлла ву. Йо1 йелла ас т1е машен тоьхна йолу. Тхуна ч1ир кхайкхийна цу йо1ан наха. Со лохуш ву цара, и бахьана долуш ву хьо а х1инца, соьца х1ара к1ур бууш 1аш.
Бекка
Сайна хаьа моьтту суна иза мила йу а. Райана йара цу йо1ан ц1е. Сан шичи, Зеламхан ненан ненахойх йу иза. Уьш а бахара цуьнга хьажа.
Рашид
Т1аккха аша йайтинера-кх цаьрга суна к1ело? – Карзах волу.
Бекка
Иштта тарлур ду хьуна. Сурт кхечу аг1ора ду. Суна г1енаха гира и авари. Йо1 леш а, ч1ира кхайкхош а. Йуха тхох а хьакхделлера иза. Зеламхас иза ма дийцинехь со кхийтара, сайна г1енахь гинарг иза йуьйла. 
Рашид
Дийца ахь, со тешар ву хьуна х1инца хьоьх. Со вара сайна шичах, Селамах шек ваьлла, цуо со воьхкина хьуна бохуш.
Бекка
Адам иштта ду, шадерг шен мерак1ела д1а ца оьхьча, бакъдолчунах т1аьхьа ца кхуьуш. И Райана ахь йен г1аьрташ йийна йац, хьо цунна т1ехьийзаш а вара, иза дагайоьг1на а волуш.
Рашид инзаре ваьлла.
- Хьуна х1ун хаьа цунах? Ахь кхузара хьайн ког д1аловзор бац-кх хьуна, шадерг ахь суна охьадиллалца.
Бекка
Суна хууш дерг, г1енахь сайна гайтанчулла бен дац. Ма-дарра дерг дийца дезарг хьо ву. Ас ца боху хьоьга хьайн къайле йийца. Цхьа х1ума бакъ ду, цхьа а къайле гучуйалаза ца йуьсу. Хьайниг а хуур йу.
Рашид
Хьуна а и йо1, суна санна дуьххьара гуш йуй хиира суна, суна хьо дуьххьара гучу хенахь. Х1етахь-м суна иза кхин башха хаза а ца хийтира. Хьо мецалг хилар тидира ас иза. Иза хьан уггаре а г1ийла меттиг йара. Ас цигга туьйхира хьуна.
Бекка
Туьйхи суна, хьайл а моссийта шо со жима волушехь.
Рашид
Хан жима велахь а, хьекъал ду хьоьгахь хьанна а дала а, т1ех оьхуш. Кхана д1а ц1аваг1а веза хьо боккъала а. 
Бекка
Ц1а. Суна ца хаьа сайн ц1а мичахь ду. Со суо а мичахь ву а. Хьан хаьа х1ун хир ду а, со кхин цкъа а ца ваг1а мега цига – ц1а?
Рашид
Ма тийсал сан даг чу кхерамаш, иштта а догуш долчу. Хьо, схьа ма-варра могуш, дийна волуш Насуна хьалха д1ах1уттур ву хьуна хьо. Х1аъ, со хьуна хьалха а, Насуна хьалха, къаьсттана оцу йо1ана хьалха а ч1ог1а бехке ву. Уьш шиъ сайна къинт1ера йаккха кхуьур ву, вац, ца хаьа суна. Хьоьга сайна къинт1ера валар доьху ас. Айса хьуна цхьа дика болх бо аьлла вара со, амма пурханехьа дирзира иза а. Со цхьанне дика болх бан вулу, амма цунах массарна а зулам хуьлу. Иштта дуьненна а реза воцуш ву со…   
Тийналла х1утту. Борз а уг1у, кхин цхьаъ а уг1у. Рашид д1ахьожу Бекка волчу. Х1ара шек а вац. Т1аккха сийсаза ца вала Рашид а, д1а 1ад 1а. Йуха, меллаша дийца волало Рашид.
Рашид
Сан ду: да а, нана а. Амма суна хета, царна массо а х1уманел дукха бахам безий техьа аьлла. Да, хаддаза балхахь ву, ахча доккхуш шортта. Нана и ахча хаддаза духкуш йу. Шен ц1ечарна ходуьйтуш а дац цуо и рицкъа, сан дас доккхуш долу. Сан деда вара, Шуьйта к1оштахь 1аш вара иза. Наггахь, шара-коьртехь цкъа г1ала шахьара вог1ура иза. Веача а цкъа а тхоьга ца вог1ура, важа, сан ден вежарий болчу вог1ий воьдура. Буьйса-м цкъа а ца йоккхура цуо. Иза хьалхалера нахчийн къонахех къонах вара. Со а вацара, цкъа а иза волчу хьала ваг1а йиш йолуш. Иштта сан нанас дихкинера. Ткъа дас, цунна магийтинера, къар а велла. Сан пхийтта, йалхийтта шо долуш, ненах лечкъина со, воьдий Деда волчу д1акхочу. Беш кходуш вара иза шен. Денана йоцуш йара. Со а гой, дукха цецволий, суна т1ехьа д1ахьоьжу иза, цигахь-м цхьа а ма ваций. Со суо веана ма ву.
Цхьа хаза хетта цунна. Дуьйцуш санна а дац иза. Цуо сайга х1ун элара дийца воллу со хьуна. «Нахчий ч1ог1а лай амалш йолчу къаьмнашха д1атарлуш бу, хьо а царех д1атоьхнера ас. Х1инца со парг1ат лийра ву, ахьа вайн варе дайшкахь схьайеана нахчалла д1акхоьхьур йу аьлла. Ас хастам бо цу Сийлахьчу Аллах1ана, х1ара де галлалца Цуо сан хан йахйарна. Лай амалш йолу нах ахь хьайца нисбахь, цаьра шаьш долчу охьаийзор ву хьо. Хьайчунна т1аьхь латталахь, сийна ц1арах х1ара дуьне догуш хилахь а. Аллах1ана дош хеташ бац хьуна и нах. Аллах1ана къонахий дукха беза хьуна. Аллах1ан нийсо - иза, массаьрца а нисвалар йац хьуна. Аллах1ан нийсо - иза Цуьнан ДОШ лакхадакхар йу хьуна. Аллах1ан хьайн мах лахара ма хетийталахь, хьан ненан хьекъал дац хьуна, цунна баппиш хилчахьана, и доьша тоьуш нах бу хьуна уьш. Хьо ма хилалахь текхан къуонах». Иштта, са дог ира-кара а х1оттийна д1акхелхира къонахчалла йолуш волу и цхьа боьрша х1ума. Иза валлалца, къайлаха иза волчу хьала ихара со. Сан дена хиира иза, амма х1умма а ца элира.
Берзалой йуха а уг1у.
Рашид
Суна, нахчалла д1акхехьа а, сан доьзална и нахчалла д1ахьеха а хуур долуш йо1 йезара. И санна йерг сайна карайаллаца, айса нускал далор дац аьлла, йина ч1аг1о йара сан. Цхьаьна дийнахь сан, Райанах б1аьрг кхийтира. Йуха иза мила, х1ун ду, хьожуш масех дийнахь лийлира со. Со кхийтира иза аса лоьхург йуйла. Цуьнгахь иман дара, нахчалла а дара, иза цуьнан къамелаца, леларца, дечуьнца гуш дара, ши б1аьрг болчунна. Ас захало хьахийра цуьнга, цуо жимма 1ийна т1елецира. Ша соьга ала а, олуш: «Хьоьгара иман доцуш, нахчаллийца дог1уш доцуш х1ума дожахь, вайша кхин вовшийн девзуш хир дац хьуна», - аьлла. Нийсса, сан са лоцуче кхетта вийра со цу билламо цуьнан. Дала кхин муха дала дезара сан лехамашна дуьхьала жоп? Дала кхин муха бан безара сан аьтто? Сан нанас х1ун элара а дуьйцу хьуна ас хьоьга. Дера бохура цуо: «Иза соьца йог1ур йолуш нус йац. Ас йалор йу хьуна сайна товш йерг. Сан йиши йо1 йу, хьан хеннара а йолуш, цунна реза йу со» - олу-кх. Ас х1умма а ца элара, дош а ца элара. Сайн дагахь: «Нана, хьан Райана лан йезар йу-кх хьуна, хьо лийра йелахь а». Иштта ойла йара-кх сан. Сайн ненал а лакхахь меттиг д1айелара ас Райанин. Х1унда? Иза бакъ йолу, иман долу, йаьхь йолу нахчийн йо1 йолун дера. Цуьнца ас къонахий кхиор болун дера, Аллах1ан дин дуьхьа бехар а болуш, Цуьнан дуьхьа лийра а болуш болу. Ас ч1аг1о йира: «лайшах эли бан а г1ертар вац со, элех лай бан а г1ертара вац со», - аьлла. Цуо сох 1абда-Рашид олура, хьалха «1абда» тоьхний бен Аллах1ан ц1ерашах ц1е тилла мегаш дац аьлла.
Цу дийнахь, Райанина детех цхьа хаза мух1ар а эцна ваг1ана лаьтташ вара со, иза дешна йаьлла схьайаре хьоьжуш. Цуо аьллера соьга, цкъа а ша доьшуш йолчу метте а ма вола, йеза х1умний совг1аташ а ма де шена аьлла. Ч1ог1а са хьаьвзинера са цу 1уьйрана. Сайна кхин иза гура йоцуш санна суьрташ а, ойланаш а хьийзара сан коьртехь. Царна дуьхьал т1ом барах пайда а ца хилла, айса Райана кхетор йу, сан вар бахьанах аьлла, дегйовхо йолуш веанера со. Йог1уш гуш йу суна х1ара, самукъа дела сан. Йуха, сецна йуха хьожуш йу-кх х1ара. Цу аг1ора д1ахьежа со, цхьа жима стаг ву-кх, х1ара цуьнга хьоьжуш хилла-кх йуха. «Чхьам» - аьлла, сийна б1аьрго беа суна. Кхаьхкаш ву со, иза ши а … Иза улло кхаьчча, цхьа х1ума д1айела Райанас цу к1анте, вукхуо хьажа а хьежна шен бедаран кисана йилла иза. И х1ума кисна а йиллина иза д1аволалушехь, Райана йахана цуьнан пхьарс лоцуш йоллу-кх. Х1ара дуьне иккха суна т1аккха. И лан - сан ницкъ бацара.
Бекка
Лалун долу х1ума а дац иза-м. Кийрахь дог долчунна Дала тохар ду.
Рашид дика тидам беш ву Беккан,кхуо т1е муха лоцу тергойеш.
Рашид
Йуха, цигара водуш вара со, зулам ца дан. Ца кхиара. Йуха и к1ант сацавела, з1е хьовзинчух тера дара цуьнга, киснара иза схьа а эцна къамел дан х1оьттира иза. Ткъа Райана…
Бекка
Оьмарна дан х1ума дац.
Рашид
Д1а т1ета1ий ас, цхьа вуон г1овг1а а оьккхуьйтуш. Нисса, уьшшиъ схьадог1учу меттехула т1ех аьккха дагахь ву со… къамел сеца Рашидан. Цхьа хан йаьлча. – Со цига т1екхочучу хенахь, йеана схьа к1ела иккха-кх х1ара, цунна баьццарнаг летта хиллера. Суна иза гича т1аьхьа дара, соьга саца ца йелира машен, тормазаш болх ца бира. Т1ам д1асахьовзо а ца кхиира… Со велча ирс хетар долуш вара со циггахь. Цхьаммо а сайна т1е машен тухур йацара техьа аьлла ойла а хилира сан. Айса иза лар йо бохуш вара со, амма муха нисдела хьажахь кху г1уллакхе. Со ч1ог1а тешнера цу йоь1ах. Х1инца со дийна воллушехь велла ву. Велла д1аваьлча г1олехь а долуш.  АКЦЕНТ
Бекка
Хьуна х1ун хаьа и к1ант мила вара? Цуьнан гергара хиллий-техьа иза. Ойла йича: иштта иман долчу йо1ера иштта х1ума дер дацара. Кхузахь цхьа кхин болх бу хьуна. Хьо сихвелла хиллий техьа? Х1инца иштта ойла йу сан.
Рашид ч1ог1а воьхна х1инца, Беккас шек ваьккха х1ара.
Хьоьгахь санна и са тоха хаар дац соьгахь. 
Бекка ваьттавала волало, хорш йог1ий. Рашид кхерало кхунна цхьаъ хиларна. Бекка метта а вог1ий:
- Со дика ву, шелвелла хир ву со. Хьуна шадерг а ца хаьа, суна йоза гира, Райанас хьоьга йаздина. Хьоьга д1ало аьлла. Иза генахь а дац.
Рашид
Х1ун йоза? Мичахь ду иза? - Ненан дешнаш дагатеси кхунна. «Цхьа кехат ду бахара цу йо1а йаздина, Рашид, ахь дешний иза?» Селаман дешнаш а.
Бекка
Суна ца хаьа. Иза х1ун дешар доьшуш йара цигахь?
Рашид
Хими, ;емаш йара. Х1унда дагадеа хьуна иза?
Бекка
Х1инца кхеташ ду. Йоза цхьаъ дац шиъ ду.
Рашид
Муха, шиъ ду?
Бекка
Иза гича хуур ду-кх цунах дерг.
Рашид
Хьо х1инца кхин а говза хила везара ву, суна цхьа кхин некъ каррабалца. Со лохуш, аьлча а вайшиъ лохуш 1едал белхалой бу. 
Бекка
Иза дика дац. Царна дика хаьа х1ара ша йолу меттигаш.
Рашид
Со цара д1алацахь, соьга айса дагалаьцначух х1умма а далур дац. Хан цаьргахьара йу. Со ийши царел а. – Хьалаэккха, д1асаволало.
Бекка
Шен т1аьххарлера г1а дужуш, диттана, б1аьстенах лецна ца хаьа. Дала, г1аш эгначу шен гаьннашна т1ехь керланиш довлуьйтур дуй а цу б1аьста. Гурахь, 1ай, арара долу х1ума шел дой, г1ора дой лей д1адолу. Б1аьстенан раг1 йуха йеача, шадерг денлой соьналлийца д1ах1утту.
Ахь даглецнарг х1ун ду-м ца хаьа суна, амма атта церан кара-м г1ура вац вайша. Х1инца жимма садо1а деза, ницкъа, г1ора а оьшур ду вайна.
 
Билал а, Мансур а ву цхьаьна. 
Мансур
Хьо цхьана эшара вехачу заманахь, дукха х1ума тергал а ца до ахьа. Ткъа хьо лазвича бохий ахь?.. и дог эккха кечделла хьан синехь мохь баьт1ча, цкъа а чуьра аз далийта йиш йоцу. Цкъа а ца хезана мохь, сина мохь, ма-барра хеза хьуна х1инца, хьо ч1огг1а лазийча, вагийча… Дарба дан а дац цунна. Са гатдаларо б1арзво хьо, къар а во. Хьуна х1умма а ца хеза, ца го, иштта ду къастар…
Билал
Х1инца и дарж ду-кх хьоьгахь. Дала цу дарже кхачий-кха хьо а.
Мансур
Муха, х1ун дарж?
Билал
Ч1огг1а лазвар. Оцу хьолехь бен ган а, хаьа а йиш йоцуш белхаш бу. Уггаре коьртнаг – хаза йиш йоцуш. Хила тарло бакъдерг иза – хезаш дерг хила.
Мансур
Дала суна т1е тидам бахийтина ала воллу хьо? Сан цхьаъ бен йоцу йо1 д1а а йигна?
Билал
Вахархьама цкъа вала веза. Йеккъа ойла йарах Аллах1ан некъ бевзур бац. Къастарехь а ду доккха маь1на. Къаьста хьо, йуха гархьама. Хьан лазаро хьо хезаш во. Цуо мохь бетта хьоьга…
Мансур
Хьуна д1адийца хуур дац суна… хьалхалеранаш д1адевла, дог къуьйлу т1етт1а, и ахь буьйцу мохь буьйлу самах а, г1енах а, цуо буьйсана сама а лоьлхуьйту со. Кхетам чуьра ваьлча беккъа, цхьа бетташ болу мохь хуьлу сох. Х1ун ду-м ца хаьа суна иза, аьлча а: х1ун дан деза ца хаьа. 
Билал
Вайн гуш дерг а ду, Дала вайх къайладехьнарг а ду, иза вайн дагца ду. Цуо бетта хьоьга мохь. Гуш долчуьнан - хало йевзу хьуна, ткъа къайлахь долчуьнан - сина бала хуьлу хьуна.
Мансур
Иза къастаран мохь бу суна лерехь берг.
Билал
Хьо т1аман араваьлла. Хьан герз шина аг1ора ирдина ду: цхьа аг1о бекхамна, важа - оьг1азлонна. Ахь цу герзан цхьана аг1онца оьг1азло а йехь, вукхуьнца хьоьга бекхам а сацабалахь, ахь толам боккху.
Мансур
Нах кхаьрдара ма бу сох.
Билал
Наха аьн дерг тергал ма де, Аллах1ан лууш дерг хьайна хианчул т1аьхьа. Айхьа деш дерг, нахана луурш дархьама ма де, деккъа Аллах1ан дуьхьа де.
Мансур
Со хьакъ ву цу балхан?
Билал
Дала шен дика, халонца хьулдина ма хуьлу. Наха хьуна чов йинехь, хьо холчу ма х1отта. Дала ца боху, Ша, чов йинчу дегнашна гергахь ву? 
Мансур
Нахана йуккъехь вехаш волуш дан атта х1ума дац иза, мел лиъча а.
Билал
Хьуна тоьхна, хьо лазийна, цу лазамо некъ гойтуш вог1у хьо схьа. Марем а ма ца йахара дитта к1ела, ша кийрахь хьовзайалца. Цу к1ела иза хьадийтинарг а ма дара ч1ог1а иза лазйар. Дакъаделла долчу цу дитто цунна т1аккха стом белар. 1ийса а (1алайх1и салам) вЕлар дуьненчу. Са схькарадан, лазвар ла дезаш хуьлу. 
Мансур
Дависа, кху дагна х1ун дийр ду хаьахьара.
Билал
«Х1ета х1инца-м гуш ду хьуна Тхуна, хьан дог эккхал карзахдаьккхинийла цара дуьйцучу х1умнаша.» (15/97)
Аллах1ан вуно ч1ог1а дика йевзу шайолу а: вайн кийрара г1айг1анаш, лазам а, сагатдарш а, башха а доцуш: лечкъа до вай уьш вайн чохь, йа нахала дохий дуьйцу. Вукха хьо, цу хьолехь, г1арч1 аьлла хьан накха 1уьйдуш, сингаттамо чу ийзош – т1аккха мичахь йу аг1о? Са парг1ат муха доккхур дара, дог а, муха тедийра дара? Аллах1ан луучуьнга ладог1ий вай.
«Айъахьа хьайн Дела - хастаман айъарца, баркалла хиларца (исламан беркате стоьмашна), иштта, хилахьа - хьайн Далла сужда дечаьрца цхьаьна а. Т1аккха хьо ч1огг1а латтахь 1ибадат деш тешамечу новкъахь, хьо кхалхалца.» (15/98-99)
Мансур х1инца коьрта йаьхканчу ойланаша а, кийрарчу овкъарша а карзах воккхий латта-саца меттиг ца тоьуш д1асаволало. Д1ахьежа х1утта - генна д1ахьежа, цигахь ша-шен гуш волуш санна, ша-шен терго йан, йуха шен хаьа а - ша х1ун дича дика хир дара …
- «Аллах1 1анний а 1аш вац г1о ца лоцуш Шен новкъахь къахьоьгуш вог1учунна, Шен г1улкхана г1о деш волчунна. Бакъдолуш т1ех ницкъ кхочуш ву Иза, муьлхха а х1ума далуш а ву. Г1о до Цуо, шаьш лаьтта букъ т1ехь д1атарбича ламаз д1ах1оттош, закат луш, диканиг даре кхойкхуш болуш, вуон долчунах йуха ийзош къахьоьгуш болучарна. Массо а г1уллакх кхачош верг Аллах1 ву».
(22/40…-41)

Г1алахь. Мансур воьдий Хасанбекан машенна чу хуу. Саламаш ло.
Мансур
Лаа варий хьо, Хасанбек? Керла х1умма а гучу даьллий?
Хасанбек
Вара. Ладаме хаам бу сан хьоьга бан, Мансур. Х1ара г1уллакх толлуш дика гайтамаш бу. Цу к1анта, Рашида, цу буьйсанна даридеш, цхьаьна а х1уманна т1ехь харцдерг дийцана ца хилла. Цунна тоьшаллаш гул делла, оцу г1уллакхна йуккъехь. 
Мансур
Дийцахь, Хасанбек, со ладуг1уш ву хьуна.
Хасанбек
Иштта, Рашид т1ехьйизаш хилла Райанина, иза реза а йолуш. Шуна хаьарий иза?
Мансур
Хиана-м дац. Суна-м дац, цуьнан ненах дерг ала ца хаьа суна. Тхуна йуккъехь хьахаделла-м дац иза.
Хасанбек
Х1ета, цу дийнахь, цхьа сахьт герга хьалха и болх хилале, Рашида туькнара дети мух1ар эцна хилла, цуо ша а ма аллара. Цу туькнара суьрташ т1ехь гуш ву иза. И мух1ар тхуна цу машен чохь схьакарийна. Иштта, зезагаш а эцна цуо, Райанина. Цунна а тоьшалла карийна. Цунна муьлха зезагаш деза хьуна хаьарий?
Мансур.
Х1а-н, х1а-н. Ца хаьара.
Хасанбек
Рашидана хууш хилла. Уьш а карийна цуьнан т1ехьара чохь. Пет1аматш. Цуьнца доьшуш болчу мехкарша тоьшалла дира. Иштта цаьрна а хууш хилла иза цунна т1ехьийзаш вуй а. Йалон дагахь, хан йилла бохуш а хилла иза цуьнга. Райанас, ша заочни а йаьлла жоп лур ду аьлла хилла.
Мансур
Таккха т1е машен х1унда тоьхна цуо? Наркотикаш?
Хасанбек
Ни т1ит1. Х1оккхузехь ду уггаре а хазнаг. Цуьнан машенан тормазан шлангана 1уьрг даьккхина хилла. Талламо гайтина иза. Жима даьккхина хилла, хетарехь, иза шек ца валийта. Дикка чехка ваьлча хирг хилийта. Ткъа цигахь цуо т1ета1ийна хилла, ц1иенаг латале кхиа аьлла. Ца кхиъна, тормазш т1ета1ийча, цара болх ца бина. Цу хенахь карара т1ам д1аса а ца хьовзабелла.
Мансур
Иза вен дагахь, цхьа кхиниш хилла ала г1ерта шу?
Хасанбек
Дера цу т1е-м деа х1ара, цкъачунна. Амма таллам д1ахьуш бу. Цхьанни новкъа хилла и к1ант, йа…
Мансур
Йа?
Хасанбек
Цуьнан да. Бакар ч1ог1а шен амалш йолуш стаг ву боху, болх-некъах г1уллакх хьакхалуш делахь.
Мансур
Цхьанни некъ хадийна ала г1ертий хьо?
Хасанбек
Мухха делахь а, оцу к1ентан косвенни бехк бу, кхин бац. Иза кхэлло къастор ду. Амма ч1ир кхайкхо бахьана-м дац кхузахь. Соъ машинахь ву. Хьоъ машенца ву. Вайшинни тормазан шлангана цхьаммо талор дахь, вайшинни х1ун бехк хуьлу? Вайшиъ машенна т1ехаар боцург.
Мансур
Цхьа хан йаьлча, кхин аг1онаш гучу-м йевра йац техьа?
Хасанбек
Х1ара сецна бакъдерг ду. И к1ант стенгахь ву, цхьа а хьисаб дуй хьан?
Мансур
Шуьйтаний, Галанч1ожаний йуккъехь лаха везар ву-кх иза. Кхин хьанна хаьа х1ара?
Хасанбек
Хьо цхьаъ ву аса хаийтинарг. Х1инца кхунна хила ма богг1ура некъ лур бу. Аса хьоьга мелла а хьалхе д1аэла, шуьгара сихделла г1алат ца далийта. Хьо кхетий ас лелочух?
Мансур
Кхета дера. Дела реза хуьлда хьуна. Доккха г1уллакх ди ахь тхуна - бакъо гайтана.
Хасанбек
Вуьштта, ч1ирах дерг долчун т1ехь тхо муфтийатехь дагадевлира. Цара а элира: ч1иран меттиг бац кхузахь аьлла. Царах дешна стаг а цига д1акхетар ву, шуна хаам бан. Хьо сиха вала веза шайх ч1ир ца хьарчийта. Шу мостаг1ий ца хилла, ткъа захалш дара. Аса тхайнаш хьала бахийтина и ши к1ант лаха.
Мансур
Ши к1ант?
Хасанбек
Ломара к1ант ву Рашидна г1о деш, иза хьулвина лелош. Бекка.
Х1ара машенчуьра охьавуссу. Дикка ойланашка ваьлла воьду х1ара. Хасанбек з1е хьовзош ву.
Хасанбек
Нурди, вайна Рашид схьакаро веза, ма хуьллу сиха. Шуьтахулий, Галанч1ожахулий д1асадекъало. Вайна иза цуьнан мостаг1нашначул хьалха схьацакаравахь цаьра вуьйр ву иза. Х1ан, х1ан, ч1ир кхин йац. Дала мукълахь. Кхинаш бу, ас хьоьга хьехийна ойла. Сихо йе. РОВДшца а сихха з1ене валий, шайна г1о деха.
 
Арахь, цхьа а адам доцчохь. Вайна х1инца букъ берзийна го къамел деш лаьттарш. Йоьдуш, камеро цхьаъ йуьхьт1ера гойтур ву. Иза Ширвани ву. Важа гойтуш вац.
Стаг
Хьо даккхийра г1уллакхаш дан лууш ву, амма цхьаьна стагаца а ца ларош воллу? Иза чекхдаьлла хила дезаш ма дара. Вай цхьана меттехь лаьтташ ду х1инца а.
Ширвани
Цуьнан массийта са хилла оцу жижгаца. Цунна т1аьхьа бехна нах бу, са до1уш а боцуш.
Стаг
Со ца кхета, цунах дерг шадерг а шуьга, айса хаийтинера шуьга?
Ширвани
Цигара, ломара цхьа к1ант ву цунна г1о деш. И меттигаш цунна ч1ог1а дика йевзу боху. Цуо к1елхьара вохуш лелош ву иза. Вуьшта-м цунна эццера эцце вала а хуур дацара.
Стаг
Ц1е йуьй цу беран?
Ширвани
Бекка йу цуьнан ц1е.
Стаг
Бекка, Бекка. Дика ду. Хьо ван х1унда веанера?
Ширвани
Мансур, ч1ир йита дагахь ву. Соьга кхин ладуг1уш вац иза. Иза герз тоьхна вен ца мега? Йа цуьнан да?
Стаг
Хьан кхиъ бу некъ, хьайн дакъа кхочуш дан. Бакар дийна волуш оьшуш ву. Цуьнан ц1е йу, иза лоруш ву. К1ант велча, цуьнан дог к1адлур ду, дийна виса лаарна. Лакхара проектан т1ехь цуьнан куьг хила деза. К1ант ч1ирана вийна хила везаш ву. Айхьа г1уллакх далца соьца кхин з1ене ма вала. Тахана-кхана чекх дала деза иза. 

Ширвани ву з1е хьийзош.
Ширвани
Хезий со? Дика ладог1алахь. Цхьаъ йеха бирг1а оьшу, иза лелон хууш волу б1аьргана ира накъост а. Мах къуьйсур бац. З1енехь хила, хаа дезарг, шадерг а хоуьйтур ду. Болх ч1ог1а ц1ена хила беза, моза а т1е хиъна боцуш.

Бакар волчохь гулбелла бу кхеран нах. Хизар чоьхьа волу.
Чингиз
Х1ун кхаъ бахьаш веана хьо, Хизар?
Хизар
Мансура Билале аьлла, Бакар шех схьакхетийта аьлла. Меттиг а билгала йаьккхина цуо.
Чингиз
Стенна?
Хизир
Иза гича цуо ша дуьйцур ду бахара Билала.
Х1арон
Цхьа тешнабехк бан г1ерта техьа?
Хизир
Иза хила йиш йац. Билал ма ву и хабар шух д1атоха аьлларг.
Бакар
Х1уъу а цигахь хилахьа со г1ура ву цига. Иза вай кхин дуьйцур а дац. Хилларг хилла даьллачул т1аьхьа, дан дезарг гуш хир ду.
Чингиз
Со а хир ву хьоьца.
Бакар
Вац. 
Х1арон
Вай нах вовшах тухуш дара царна йуха а т1едаха, йуккъехула хьоьга цхьаьнге т1евола… Х1ун ойла хир йу кхузахь? 
Бакар
Вай цхьаьнге а х1умма а хоуьйтур дац. Суна гура ву иза, сайна цхьанне.

Х1ара шиъ эххар а вовшийн дуьхь-дуьхьала х1оьттира. Иштта лаьттира х1ара шиъ: Бакаран хьалха вистхила йуьхь йацара, ткъа Мансур ойланий к1оргенаша д1акхаьллинера. Вист хилам дийзира. Хьалха Мансур а хуьлуш.
Мансур
Кечамаш беш вуй хьо?
Бакар
Суна со, хаъала хилчхьана, массо а х1уманна кийча хила 1амийна ву со, тхан дас.
Мансур
Сан да, сан 12 шо долуш кхелхира хьуна. 
Бакар
Хьоьга тахана доккха вон деана, хьан цхьаъ бен йоцчу йо1а кхин б1аьрг хьостур бац хьан… цунна бехке тхо а долуш. Вай массо шен рог1ехь чу г1он долчу лахьти чу йиллина ахь иза. Тхо х1инца а кху лаьтта букъ т1ехь синош довдийна хьийзаш ду. Ахьа хьайн доьналла гайта: куьг бехке воцург маьрша ву аьлла. Ткъа со ма ву куьг бехке, и к1ант ас кхиийна ма ву, ас хьехарш дина. Со ма ву цунах стаг ва г1иртинарг… Со ч1ог1а йуьхьхьаьржа х1оттина. Амма шен куьйга п1елгаш диг тоьхна д1а ца дахало…
Мансур
Вайна ваьш цхьа х1ума йу тарделла, эццехь галдаьлла вайн массо а х1ума. Вайн куьйга п1елгаш д1а ца дахало вайга, амма, вай Кхоьллина волу вай ДЕЛА ДАГЧУЬРА ДИГ ТУХИЙ, ТУХИЙ ГЕНА-М воккху вай. Делахь а, иза Аллах1ан кхел йу, вай массо а зиэр хьама. Дала мукълахь Йалсаманехь хира йу иза.
Бакар
Дала мукълахь.
Мансур
Хьуна хаьарий цу шинни йуккъехь захало дуй?
Бакар
Захало дара? Т1аккха муха нисделла х1окхо цунна т1е …? Дуьххьара хезаш ду…
Мансур
Г1уллакх толлушверг ца гиний хьуна?
Бакар
Тахан ган везаш ву, з1е хьийзош вара иза. Цуо?
Мансур
Х1аъ. Царна ма-дарра хиъна, х1инцале. Цара дийцарехь, хьан к1ента машен цхьаммо кечйина хилла тешнабехкана. Сацуо г1иртина иза, амма саца ца йелла. Эццехь нисйелла сан йо1 а. 1ожалла хиларна. Кхечунна т1етоха а тарлора…
Бакар
Т1аккха со харц лийна цуьнга. Сайна цхьа х1уьттаре йа араваьлла моьттуш хиллера со. Х1етте а, хьан йо1 д1акхелхана, иза ч1ог1а боккха бохам бу. Тхо к1елхьара ца довлу цу китарлонах, цу йо1ана хьалха а, шуна хьалха а. Тхуна тхайн бехк буй хаьа иза. Ша лелош йолчу машенехь х1ун хьал ду хьажа везара иза…
Мансур
Кхин а ду цигахь бахьанаш. Иза хьуна боьг1на гура бу моьттуш бу. Хьан цхьанце а д1ай-схьай дуй, тасаделла, хьуна иштта к1ело йан? Хьайна ца лаахь ма дийца. Иза хаьа лууш хоьттуш вац со. Хьо ларвалийта хьахий аса. Цунна кхайкхинера ас хьоьга хьайга. Х1ара къамел нахала ца далийта. Хьан кертана йуккъехь, масане, ледара хьокха хила а сахьт дац.
Бакар
Дера, Мансур, дуккхуа нахарташ кегочохь даккхийра зуламаш а ма хуьлу. Сайн ма хуьллу, сайн дас а, дедас а делла васеташ лардан г1ерташ ларвелла со. Цхьа нах бу шайца даккхийра г1улкхаш кегаде бохуш. Уьш кхун махкара бац, арахьара бу, йаккхийра Мегополисашкара. Церан карах долу: шайн дагадеънарг кхочуш дан. Вай, ма хуьллу, хьарам рицкъах ларделла.
Мансур
Тхо, тхайн йо1ах даьхна цара, хьо к1антах ваккха а боьлла. Сан ч1ир цаьрца хир йу. Шуьца тхан кхин ч1ир йац. Хуьлийла а дац.
Хьайн корте болх байта беза ахь кхин д1а. Оццул хьуна уьш герга баьхкинехь, хьан йуххера нах бу хьуна - цера г1оьнчий. Уьш муьлш бу хаьа деза хьуна. Т1аьхьа хилале ка йала йеза хьан. Уьш ч1ог1а сема болчух тер а ду. Сай аг1ора ас бийр бу болх.
Бакар
Дала бусалба дин а, бусалба нах а сий долуш даийтана ду. Сий долчарге бен д1а а кхехьалур доцуш. Хьо санна болчу къонахшка бен. Дала сий дина хьан. Аша йелла маршо а оха схьаоьцур йу, тхо шуна хьалха декхарийлахь а хир ду.
Мансур
Цхьа а декхар дац. Аша х1инца, шайн ницкъ ма-кхочу сиха, шайн к1ант ц1авало веза - ведда лелачуьра, цуьнан дакъа ц1а дан шайна ца лаахь.
Бакар
Тхо дахка ма-деззара д1адохур ду цига?
Мансур
Цхьа барт хила беза вайшинна. Цкъачунна хьо г1ара ма вала ас хьайга дийцанчунна, Хасанбек гинчулла т1аьхьа хьоле хьаьжжина х1ума дийра ду ахь. Шу вайга тезета дуьйла. Т1елоцур ду оха шу. Ч1ирца дерг ас хоьга д1а аьлла, вуьшта мостаг1ий тилбархьама иза цкъа ваьшкахь дуьтур ду вай. Тхай керташкахь а х1ун ду хьажа воллу со. Хьо реза велахь?
Бакар
Со дика кхетта, ч1ог1а хьекъале ду. Иштта дийра ду вайшимма.
Мансур
Аллах1а маьрша ц1аверзавойла шуна шайн к1ант.
Бакар
Мансур, хьан пурбанца, х1инца т1аьхьа кхиа волалуш ву со. Нагахь санна, со хьалха д1авалар хилахь, уггаре а тешаме и к1ант ву хьуна са. Цул т1аьхьа сан йоккхах йолу ши йо1. Кхин цхьаьннах а тешаш вац хьуна со. К1анта цкъачунна карош вац. Х1ара къамел аса сайн шине йо1е д1атухур ду, со кхиахь. Ас ца дийцача царна хьал ма-дарра хуур дац. Сан васет х1инца хьоьга ду хьуна.   
Мансур
Дала мукълахь, цу т1е дера дац х1ара г1уллакх. Нагахь суна чохь са а долуш, д1алела дег1ехь г1ора а долуш со хилахь, ас дош ло хьуна, хьан васет кхочуш дан. Марша 1ойла.
Бакар
Марша г1ойла.
Кхин д1а а хьовзайо кхуо з1е.
Чингиз, х1умма а дуй хьала баханчера? Вай, иза махах баций, динна стаг ма ву иза, муха ца каравийра ву иза? Цунна ца хаьа хьуна, лам х1ун йу а. Мила ву цуьнца? Жима к1антах х1ун накъост хир ву. Иза беламе а ма дац. Х1ун йу цу беран ц1е? Бекка? Иза х1ун ц1е йу? 
Чингиз схьакхеча и Стаг волча.
Стаг
Хан к1езга йу. Хьо хьала а ваг1ана, Насу йу хьуна цигарчу зудчуьнан ц1е. 
Чингиз
Сан хир дуй-те цига…
Стаг
Х1унда ца хуьлуш дара хьан иза?
Чингиз
Бакар ву, аса хьоьга ма-аллара, соьга кхойкхуш, со цунна йуххера д1аволуш а ма вац. Иза шек валахь…
Стаг
Вера вац. Хьуна диц ма ца делла хир ду, хьо хьанна болх беш ву? Цуьнан и къийзорг дийна ц1а йаг1ахь, хьайна не1арш д1акъовлалойла ма хаьа хьуна? 
Чингиз
Х1ун лууш ву хьо: аса цига а ваг1ана дан дезаш?
Стаг
Хьуна хьайн дакъа д1акхачийта лууш ву-кх. Цхьа жима бер ду боху цунна цигахь г1о деш. Цигарчу зудчуьнан, Насун гергара волуш, йа цуо кхийинехь а? 
Чингиз
Бекка йу цуьнан ц1е, кестта хиъна суна иза.
Стаг
Дика ду хиънехь. И Насу кхеро йеза ахь. Кхетий хьо со стенна т1е дуьгуш ву? Кхетар ву, ас кхетор ву хьо. Цунна кхерам буйла ма хиъанехь иза цунна орцаха вог1ура ву. Иза волу меттиг билгала йаьлча соьга хаийта, шаьш х1умма а ма де. И дан дезарш кхиниш бу. И ду ахь х1инца дан дезаш дерг. Г1алат ма далийталахь.

Ширвани ву х1уму кхолуш 1аш. К1анте кхойкху х1ара:
- Хьусейн. – иза т1евог1у.
Хьусейн
Дада, со ладуг1уш ву. Х1ун лаьара хьуна?
Ширвани
Хьуна и к1ант йуьхь т1ера войзур ма ву? Хьуна ган ма гина иза машен т1етоьхначу муьрехь?
Хьусейн
Б1аьг-м кхийтира сан, вовза декхар ду. Цигахь со сихха Райана эцна лоьрашна т1екхача ваг1ара.
Ширвани
Хьайца, тешаме накъостий эций, лома хьала а г1ой схьакараве и к1ант, со суо а ца вог1уьйтуш иза лаха. Цуьнан валар машен чохь волуш, йа и т1етоьхна - хила деза. Хьо нийса кхийтан дан дезачух? Вайша Шари1ате т1е изавайтахь мегар дац хьуна. Х1аъ, Куьйрас дуьйцур ду хьоьга, иза х1инца стенгахь хир ву.
Хьусейн
Новкъа волу со, х1инццехь. Дика кхетта. Оьшург схьа а эцна. – Мегар ду. Кхаъ диканиг хилийта ахь мукъне а. Вицлора хьуна. Цуьнца цхьа жима к1ант ву боху. Цуьнан вайн карах ц1аза п1елг а лазабайта мегар дац хьуна. Г1о хьайна.
Д1ахьовзайо з1е.
Ширвани
Стенгахь ву шу стаг? Г1ирс буй цуьнгахь? Дика ду. Ас хьайга аьлчи д1авига иза. Цигахь сан нах хир бу. Цаьра оьшуче д1акхетор ву.
Кхечуьнга д1ахьовзайо з1е.
Куьйра, ас хьайга хьахийна йолчу метте д1а а г1ой цигара кир ша хила безачи д1а а хьой охьабилла. Гал ма валалхь, иштта а со йуьхь1аьржа х1оттий ахь.

Билал маьждигехь хьехам беш ву. Камеро гойту иза Хизарца къамел деш волуш, берте т1е а ихилла. Цхьа хан йаьлча Хизар д1авоьду маьждиг чуьра а. Цул т1аьхьа цхьаммо хаттар до кхуьнга.
- Кераста наха ч1аг1до: 1исас чудо гайтина, цундера иза Дела хилар билгало йу, бохуш.
Билал
Чудо-йогурт йуйций ахь?(Воьлу.) – Чудо хьан оьшуш йу? Иман ч1ог1а г1ийла долчарна оьшуш йу-кх. И карамат ца гайтахь, и нах Делах тешар долуш бац. Вайна йаийтина чудо йу уггаре а йоккха чудо. Хьанна хаьа иза муьлханиг йу? Дукхаммо аль-Къуръан хьалаойбу шаьш 1аччохь. – Х1аъ, Къуръан ду – Чудо. Х1унда? Кераста неха чудонаш д1айевлла, хила а ца хилча санна. Царна ураттала тешаш а ца бисна. Ткъа Къуръан 1445 даьлча а долуш ду, цхьа хьарф хьов, хьаьрк бист кхаччалца цу хенахь ма-хиллара дисна. Пайхамарш к1адбелча церан сада1а дезаш хилла, мацлой кхачанах кхета безаш хилла, шай хьаштана баг1а безаш хилла. Ткъа Сийлахь Къуръан и шадолчу хьесапах ц1ена ду. К1ад ца ло, хьаг ца ло, наб ца йо. Амма нийса некъ гойту, нур ло, 1илманах вутту, тешар ч1аг1до, ваха а 1амаво, вала а 1амаво, кхетам ло, хьекъал ло, дарбана а ду. Т1оьхула т1е карамат – иза далуш дерг гойтуш, доуьйтуш хилла ду Ницкъболчо. Ца далуш дерг гойтуш даийтана дац. Вай, бусалбанаш, цхьанций а дин къуьйсуш дац. Вай къуьйсурш бакъонаш йу, йац халкъийн бакъонаш-м, ткъа йу Аллах1ан бакъонаш Цуо адмашна йелла йолу. Цу т1ехь бу вайн къисам.

1уьйре. Бекка а, Рашид а. Хьиэх чохь ву х1ара шиъ. Зеламха кхочу кхуза.
Зеламха
Бекка, ва Бекка! Кхузахь вуй хьо?
Х1ара шиъ меттара хьала эккха.
Бекка
Хьо х1унда кхаьчна кхуза? Мила?
Зеламха
Насу а, Пет1амат а чохь ца карий суна. Уьстаг1ийшна дуьхьала йеана ца хилча шек ваьлла керта ваг1ара со. Чохь йац. Х1умнаш йу кегийна. Стол т1ехь х1ара кехат а дара. 
Бекка катухий схьоьцу цуьнгара кехат. Д1адоьшу.
«Бекка, ахьа и Рашид тхуна кхана сарле стенгахь ву ца хаьийтахь, х1ара ши зуда хьуна кхин б1аьрга гур йац. Хьайн сацам бе. Хьо реза велахь, бинжолг болчохь хила кхана сарахь. Амма ахьа хьайца 1едалах стаг валавахь, йа кхин орца, хьуна х1ара шиъ кхин дийна а йолуш гур йац. Оха тхайн Дош лардо. Тхан Дош - Дош ду. Тхо ду -Дош. Дош тхоьгахь ду. Тхо Деланаш ду. Тхоьгахулий бен х1умма а хир дац. Шаболу Ницкъ а тхоьгахь бу.»
Рашида кхуьнгара кехат д1аоьцу, доьшу:
- Дела мостаг1ий. Дагахь а доцчу аг1ора тухуш ду шу. Боьрша йоцу х1умнаш.
Зеламха
Х1ун деш ду ахь?
Бекка
Со суо т1ег1ур ву…
Рашид
Цхьа а, цхьа х1умма а деш вац. Со ву, х1ара сан т1ом бу, ас чекхбоккхур а бу. Со т1ег1ура ву цаьрна. Иза аса шуьца дуьйцур а дац.
Бекка
Х1ара т1ом хьоьца бац, Рашид. Суна хаьа уьш муьлш бу х1инца. Цаьрна а хаьа со мила ву. Х1ара т1ом Аллах1аца беш бу цаьра. Цуьнан Дош д1а ца лелийта вайна йуккъехь. Нахчийн къам 1есачу новкъа хьажон. Сийсаз дан, йуха вай - динах а д1ахадо.
Зеламха
Цаьрна муха хиъна техьа иза? Хьа-м аьлла хир ду. Йа Насу а гучу йаьлла?.. Шен батт куьйгаца д1акъовлу.
Рашид
Насу? Цунна х1ун хаьа? Хьо а мила ву? Шу муьлш ду?
Бекка
Ц1енна нахчо ду. Царна оьшург хьо вац, со ву цаьра лоьхург. Хьоьгахула т1аьхьа кхиъна уьш суна. Церан х1илла чекхдела.
Рашид
Т1аьхьа кхиаве со ма-дарра долчунна!
Бекка
Хан йац, цхьа м1аьрго а йеза йу. Хьайн коьрте болх байта. Райанин йоза оьшура вайна х1инца ч1ог1а. 
Иза а олуш д1а новкъа волу. Йуха ц1еххьана соцу, 1адийча санна.
Рашид
Х1инца кхин х1ун хилла? Цуьнан йоза а стенна ду кхузахь?
Бекка
Уьш кхузахь бу. Вай цера кара доьлхуш ду, кхузара арадовларцаний.
Зеламхе д1ахьожу. Важа ша а кхийти.
Зеламха
Сан лорах баьхкин уьш?
Бекка
Х1аъ, хьоьх пайда ийци цаьра. Хьуна йоза а дитина. Хьо иза дахьаш вог1ура вуйла а хууш.
Рашид
Со д1а т1е воьду, шуьшиъ к1елхьара вала веза. Соьга Насу к1елхьара йаккхалур йац, иза ахь дийра ду, Бекка.
Бекка
Иза к1елхьара йаьккхача д1адолуш дац х1ара. Хьо ву хьайн бехк ца хилар гайта дезаш. Хьо бехке лаьцна д1адолийна ма ду цаьра х1ара. Хьо ц1анвелча уьш гучу бевра бу. Цунна кхайкхайайтана йу ч1ир а, Шари1атаца иза йог1уш а йоцушехь. Иза уггаре а коьрта ду.
Сайх дерг, аса хьоьга элара, со кхин цкъа а ц1а кхочур вуй техьа аьлла. Сан хан кхаьчна. Дукха т1аьхьа ду х1инца. Хьуна ца хаьа, церан мел йаккхийра таронаш йу шайн х1ума чекхдаккха.
Зеламха.
Дан дезарг схьа ала, ас дийра ду. Шуьшиъ к1елхьара вала. Шуьшиъ цхьаьна хилча, т1аккха шу ницкъ кхочур бу, царел туола.
Бекка
Х1инца бац. Вай х1инца вешан декхар кхочуш дийра ду. И де ду х1ара. Райанин йоза кхузахь гергахь ду. И йоза церан кара кхачийта мегар дац, царна дуьхьала ницкъ хир бац вайн т1аккха, хьо бехкаха хьалха ваккха. Цаьрна хуур дац вай кхеттийла шайн дагахь долчунах. Вай уьш шек ца бохуш д1а арадевла, дуьйладелла-а новкъа девра ду. Даг1арий вай? 
Рашид
Со реза вац хьан ойланна, амма кхин г1олехь дерг хаа-м ца хаьа. Со хьоьца ву. Эшахь царех тасавала кийча а ву, цкъа а ца хиллачу кепара.
ВТОРОЙ СЮЖЕТНЫЙ ПОВОРОТ
 
Бекка
Дуьло т1аккха. Ницкъ ма кхоччу гена охьадовла деза вай. Некъа т1екхача. Болар ца сацош д1аэха деза вай. 
Х1орш бог1уш бу.
Бекка
Х1уъу хилахь а, хьайн эмоцеш гучу ца йохуш коьрте болх байта. Арда де. Эмоцеша хьо тилор ву, нийса г1улчаш йохуьйтур йац. Кхин д1а вайна ч1ог1а оьшур ду хьан зиеделларг. Оьг1азло т1е ма йита, са к1езга а ма хила. 
 
Хьава йу ша д1аоьхуш г1амаршкахула. Д1асахьоьжу, б1аьрго ма лоццу гуш г1амарш йоцург кхин х1умма а дац. Эххар соцу. Йуха до1а дан х1утту Аллах1е. Аз хеза кхунна. Хьава дуьххьара кхерало, шен кхерайаларх цецйаьлла йу, иза х1ун ду ца кхеташ шен хилларг.
АЗ
Х1ай, йоьдург! Хьо мила йу?
Хьава
Аллах1ан лай йу со! – Хьавас корта кхин лекха хьала ца айбо, г1иллакхе ца хеташ.
АЗ
Хьенан йу хьо?
Хьава
Аллах1ан лай волчу Адаман долахь зуда.
АЗ
Дин х1ун ду хьан?
Хьава
Альхьамдулиллах1, бусалба ду тхо.
АЗ
Хьан хьехна хьуна иза?
Хьава
Сан мар волчу Адама.
АЗ
Иза 1аминарг мила ву?
Хьава
Сийлахь, Къинхетаме, Гечдешволу, Рицкъ, Могшалла, Г1ора, Ницкъ латтош волчу, 1илм, Хаарш луш волчу, Цхьаъ волчу, Даиман абада хил волчу а, даима абада хин волчу а, Ша вина а воцуш, Шен доьзалхо а воцуш, Ша Шен кхолларех а, йа цхьаьна ах1умнах тера а воцуш волчу, Ша цхьаннех цкъа а возуш а воцучо, Ша цкъа а лийр а воцуш волчу, Ша Эла волчу Аллах1а хьехна цунна, массо а ц1ераш а 1амийна Цуо Шен цу лайна.
Аз
Низам х1ун ду хьан?
Хьава
Аллах1ан шари1ат.
Аз
Аллах1ан 1алашо х1ун йу шуьца?
Хьава
Тхох мила вохкало, эцало хьажийта ибл.
АЗ
Совг1ат х1ун хир ду?
Хьава
Йалсамане.
АЗ
Та1зар?
Хьава
Жоьжахате.
АЗ
Некъ берзалца оьшург х1ун ду?
Хьава
Аллах1ан новкъахь б1аьрг буьззина латтар.
АЗ
Уггаре доккха къа муьлханиг ду?
Хьава
Аллах1ана накъост оьшу мотта магийтар.
АЗ
К1елхьара доккхундерг х1ун ду?
Хьава
Аллах1е вухаверзар, тоба а дина.
АЗ
Коьрта 1алашо х1ун йу дуьнент1ехь?
Хьава
Аллах1 реза вар.
АЗ
Эхартахь?
Аллах1 ган лаар.
Тийналла х1утту. Аз кхин ца хеза. Х1окхуо кхин д1а бо шен некъ.
Хьава
Маржа йа1, сан доьзал, мила - мила хира ву шух? Зиерах
чекх вала муьлхачуьнан иман тоьур ду шун? Доьнал а, хьуьнар а? Шун нана хилар а ма доккха дукъ ду-кх суна кхечнарг а. Далла х1етте а хастам бо-кх аса. Цуо динчунна реза йу-кх со, Цунна шу а хилалаш реза.

Мусафирш
Вокка ву дуьйцуш. Тахана цхьа хала дуьйцу кхуо (дакъошца), цхьаъ хила хьехна долуш санна.
Некъ бинчун бевза. Некъ даима а чуьра д1ахуьла. Некъ боьрзучохь къам а долуш. Некъ берзош дерг дин а долуш. 
Цу Новкъа цхьаьна боьлхурш-м дуккха а хуьлу, некъа накъостий к1езга нисло.
Д1а вист мел хуьлург Аллах1 лоьхуш караво, маттаца, амма, дечу г1улакхашца - дуьне хуьлу лоьхуш дерг.
Ткъа Аллах1 генахь леха везаш вац, адамо лоьху рицкънаш санна. Аллах1 шен дагчохь схьакаро веза. Иза кхин цхьанхьа а карор вац.
Ша д1адолалушехь, хьалхарчу а, т1аххьарчу а дашца стаг: йа къа, йа мел узуш бен, вист хуьлуш а вац. Къа-мел, терза даима а шен болх беш ду - узуш. Дашца чов йина: йа лазор ву ахь стаг, йа боча (к1еда) хилла дог хьостур ду ахь. Хьалхарчуьнца ц1е йу хьуна, шолг1ачуьнца ни1мат.
Стага цхьа пайденна доцу, - деса дош эр ду-кх вай, - аьлча, аьтту аг1ора, диканаш д1айаьздечу малико, и дош д1а ца йаздина: «Х1ара пайденна дош дац, т1аккха, кху тептар т1ехь иза хуьлийла а дац», - аьлла. Аьрру аг1ора къинош д1айаздечо а аьлла: «Х1ара къа долуш дош дац, кху тептар т1ехь а йац цунна меттиг», - аьлла. Дала омра дина цуьнга: «Ахь д1айазделахь массо а дош, аьтту аг1ора долчу малико д1ацайаздеш диснарш а». Иштта бу цу кепара долчу дешнийн бух.   
Х1окху маттана дола дар санехь ву-кх т1аккха.
Кхин а цхьа хьадис а ду-кх цунна далил: «Йа дика дош ала, йа вист ца хуьлуш 1ад 1е».
 
Вайн дайша дийцина ду, цхьа зама хир йу дийнан-делкъехь стогарш а летош - са ца гуш. Х1инца х1ара йу-кх цара йийцина и зама. Д1огара генахь а ца хилла иза. Вехаш-м ву хьо, амма саъ гуш вехаш-м вац.
 
Дуьхьалд1а йуьхь1аьржа х1оттаво-кх хьо, хьан доьзало, ахь царна бала ма беззара кхетам ца лахь. Вайн дайшкахь цкъа а ца хилла куралла а мичара йу? Къизалла а?
Х1инца кхетам луш йерш харц-неха сайташ йу, жа санна интернет чохь йаьржина йолу. Церан цхьа а Дела вац, йа къинхетам бац. Шайт1аналла ду даржош. Дажалан к1орнеш йу массанхьа а. Амма хьо декхарийлахь ма ву хьайн доьзална дола дан. Дала хьо к1елхьара волуьйтур ма вац, ахь интернет бехке йарах. Интернет чохь, йа телпо чохь: ловзаршах ловзачунна эхартах дакъа к1езга хир ду. Цуо и хан Аллах1 вицвина йоккхуш йу. Вуьшта, дуьненан балхана а вац иза пайденна хир волуш. Цуьнан са малдеш ду цаьрца. Иза пайда боцчу воккху цу ловзарша. Иза, оцу корера араваьлча, ша х1ун дан деза хууш а ца хуьлу. Буьйсана йуккъехь ша сама ваьккхича санна т1елоцу цуо шен гуш дерг. Х1инцаа иза кхоьруш хуьлу 1ер-дахарехь ша да дезачунна. Уьш атта бу т1аккха, Дажална болх бечарна. Цаьра уьш атта кхера а бо, вуно атта 1еха а бо. Цера цхьаннийн а шен лаам ца хуьлу. Буьйра т1е лацар бен. Уьш боккъала а лайн амале бирзина бевлла. 
Вай кхоьллина волу Аллах1 даима Сема ву. Иза вайга а омра деш ву, арда деш хила бохуш, шаьш парг1ат долчу хенахь. Парг1ато даима а ца лаьтта. Вайн динан мостаг1ашна вай дийшина хила лаьа. Ойла йеш а доцуш. Эшарш, мукъмаш, хелхарш, сакъерарш, интернет ловзарш, - уьш ша долу х1ума вайн само йайъа а, вайга йоккха ойла ца йайта а йукъа даьхна ду. Цу хенахь шаьаш уьш 24 сохьтехь дийнахь-бусий белхаш беш бу вайна дуьхьала. Доцца дийцича – вай х1айт аьлла хила деза, 1илма 1амош хила деза, боларца хила деза.
Х1аваъ кхин ду. Цхьа кхин болх бу бан безаш, вайна  маьрша хила лаахь. Дажалах дозуш хила ца лаахь. Амма иза дан цхьаьна стега, доьзале, йукъаралли а ницкъ кхочур болуш болх бац. Цунна динна паччахьалкх йеза. Йа паччахьалкхаш. 

Х1ара кхоъ царех ведда охьалаллла велла вог1у. Цхьаьна йукъана цхьатерра болар ду кхеран. Йуха хьал хийцало. Машен лакхахула некъа т1ехь хаьхкина йог1у. Ц1еххьана Рашид соцу, Беккана буьйр а дой. 
Рашид
Вай оцу нахана д1а т1е кхача деза, т1аккха церан ка йухур йу. Хьо хьалха д1авада, сан са кхачийна, иштта а вацара со вадар дика долуш, саде1ар ледара ду сан. Хьо йуха ца хьожуш д1авада, Зеламха хьо цунна т1аьххье г1уо, со шулла т1аьхьа ца вуьсуш - д1аг1ур ду вай.   
Бекка
Дика ду, дукха т1аьхьа ма висалахь хьо.
Х1ара д1аводу, ткъа Рашид шен болчу ницкъаца, г1ораца вукху аг1ора д1атасало, вукхарна дуьхьала, машен йог1учу новкъа. Йуха хьаьжча и сурт а гой Бекка а д1ахьоду цунна т1аьххье, шегара х1умнаш охьа а кхуьссуш новкъахь. Зеламха лаьтта кхара х1ун до техьа бохуш. Геннахь нах а бу х1ара болх ма-барра гуш лаьтташ, хьоьжуш кхара х1ун леладо т1аьхьа ца кхуьуш. Х1инца Рашид нацкъара некъа т1е вела. Машен а йу хехкина йог1уш. Бекка а ву схьаведда вог1уш. Рашид иза т1е ца кхиийта кхин а машенна дуьхьала воьду. Машен ц1еххьана соцу. Рашид а соцу. Камеро массийта аг1ора б1аьрга лоцу х1орш. Бекка доккха са а даьккхина некъ хадийна воьду х1инца. Машен а лаьтта, Рашид а лаьтта. Машено болар оьцу г1овг1а а йоккхуш, Рашидана дуьхьалтосу ша динарг цу дийнахь. Цунах тап терра сурт ду х1ара. Рашидан балдаш деларе оьху х1инца, шен т1аьххьара дагардараш дуй кхета х1ара. Бекка уьду мохь бетташ: Ма-а-а! Раши-и-и-д! Ма-а-а! Машен гуттар а герга кхочуш лаьтта. Рашида шах1адат даладо:
- Ашх1аду лаь илаьх1а иллаллаьх1, ва ашх1аду анна Мухьамадан 1абдух1у ва расулуллах1.
Бекка некъа т1е схьакхочу: машенна а, Рашидна а йуккъехь нисло х1ара. Машен дукха сиха йог1у, х1ара цу машен к1ела кхоссавала водий-водий, йуха кхоссалой д1а к1ела хахкало. Эццахь кхин цхьа машен дуьхьала кхуссу оцу т1екхета йог1учу машенна. Цу машена т1ера шопар чу эккхий д1аводу. Йуха Рашиде мохь болу: Бекка-а-а! Х1АРА ЦУННА Т1Е ХЬОДУ. Бекка 1уьллуш хуьлу шайолу гуолаш а йаьшна. Машен т1ера Хьусейн а охьа аьккха, ша к1ант вийна моьттина. Рашида к1ант т1екхетий хьала ойбу, Бекка валаза ву. Рашида иза къовлий маравуллу. Хьусейн ша лаьттачохь гуолаш т1е охьалахло, когаш чуьра са д1адаьлла, куьйгашца корта лоцу. Генахь болчу нахана к1ант вийна моьтту т1аккха. Уьш а кху аг1ора схьахьовду. Т1егулло адам. Рашида Бекка шен марар д1а ца хоьцуш ницкъ беш ву. Муслима цуьнан марара озавой схьавоккху иза. Иштта х1орш 1аш болуш, метта веанчу Беккас: Альхьамду лиЛЛах1и, олий, Аллах1ана хастам бо, Рашид дийна висарна. Хьусейн а т1евог1ий, Бекка маракъовлу. Йуха Рашидан т1евоьду.
Хьусейн
Х1ан, 1абдал-Рашид, х1ара кехат Райанас хьоьга йаздина ду. Цу дийнахь соьга схьаделира цуо х1ара. Ша лахь, хьоьга д1алолахь аьлла, соьгара дош а даьккхина. Цигахь цуьнца хилларг со ма вара, иза ц1айига т1аьхьавеана.
Рашид Беккига д1ахьожу кехат шена гича. Куьйгаш дега а деш кехат схьаоьций деша вулу. 
Ассаламу 1алайка! йа, 1абда-р-Рашид. Ас хьан захало т1елецира, хьан лерам бина. Товш а хийтира суна хьо. Аса Аллах1ана дош деллера Цул ч1ог1а сайна цхьа а везар вац аьлла. Шолг1ачу меттехь вайн Пайхамар (соллаллах1у 1алайх1и ва саллама) ву сан. Хьуна кхозлаг1а меттиг бен йац сан. Кху дуьненахь сан йисна хан к1еззиг бен йац. Эхартахь даима-абада дехар ду вай. Х1ара кост аса, сайн лераме а волчу, иманехь билгала ваьлла а волчу, сайн маьхча волчу Хьусейне д1алур ду, со йаллалца цуо х1ара доьшура дац аьлла, цуьнгара дош а даьккхана. Ахьа хьайна кхин оьзда йолу нахчийн йо1 йалайе. Иза сан васет ду хьоьга. Безам ма леха, хьайн г1уллакхана накъост лаха. Безам ша г1ура бу хьуна шун вовшашка, лерам хилчахьана. Вай Йалсаманехь цхьаьна хир ду. Дала иштта гайтина суна. Сан йалар хьай бехк а ма лара. Аллах1 воцург цхьа а ницкъ болуш вац адам далийта. Маьрша 1ойла хьо, кийра буьззина къонахчалла йолу, дог дуьззина иман долу, са дуьззина оьздангалла йолу Къонах. Цхьа биллам а бу сан хьоьга т1аьххьара: со йиц ма йелахь. Къинт1ера вала, вайша иштта къаста дезарна. Сан Деца а г1иллакх леладелахь, иза сий дойзуш стаг ву хьуна. Мел дукха а хилла сан хьоьга йаздан луурш. Кехат тоьур а дарий хьовх? Дацара. Сан ч1ог1а лерам бу хьоьга! 
Х1инца дег1 а, цуьнца корта а лесто вула х1ара. Йуха лоьман санна кийрара мохь араболу. Цигахь лаьттарш, шаверг а 1адаво цуьнан маьхьаро. Цига машенаш т1е йог1у. Билал а ву, Мансур а ву. Полицин машен а т1ейог1у, цара шайца лецна д1авуьгуш ву Рашид. Рашидан буйнара кехат охьадужу. Бекка иза а гой и схьаэца т1ехьоду. Кхин стаг иза схьаэца воьдуш ган а гой. Эццехь, геннара герз детта доладо кхунна. Бекка вужу, кехат шен буйнахь а дуьсуш. Рашид иза гой, церан карара волий кхунна схьат1ехьоду. Кхуо Бекка шен марахь ойбий сихха машен т1е вадаво, иза чохь садолш вуй а гой.
Рашид
Сихха лоьрашна т1екхачо веза х1ара, сихха! – мохь оьху Рашиде. Зелемха а Бекка волчу машена чу хуу. Полицейскиш орца доьху рацин чухула. Цаьра жимма т1ом бо цигахь. Важа, д1аведдарг, полицейскичара тухий ч1огг1а лазаво, иза а д1авуьгу лоьрашна т1екхачо.Дархинехь

(больница) бу х1орш.
Бекка эт1ош бу, даьндарг схьайаккха а, чов йарзо а. Рашид ч1ог1а карзаха ваьлла ву, цхьана метте ца сацалуш. Зеламхас кхунна дагадоуьйту.
Зеламха
Рашид, хьо х1умма а дан дезаш вуй техьа? Хьоьга Бекка х1ун элара: «Оьг1азе ма хила, коьрте болх байта. Хьан зиеделларг оьшура ду хьуна, - олуш? Бекка, даьндаг схьа ма йаьккхинехь йа туолур ву, йа…
Рашид соцу, д1асахьожу.
Рашид
Йа - дан а дац. Иза туовала веза. Со суо ларор вац. Кехат мичахь ду?
Зеламха
Бекка шен буйнахь къуьйлуш дара-кх иза.
Рашид
Цуьнан х1умнашца хир ду т1аккха. Хьо кхузахь хьожуш хила, хийра цхьа а т1евог1ий, суна бовза ма ца бевзий шуьнаш. Со х1умнаш лаха воьду, цаьрца иза ца хилахь?..
Х1окхо лор-йишига хотту х1умшах лаьцна, цуо куьйга-эшара хоуьйту кхунна уьш мичахь хир йу. Х1ара цу аг1ора д1ахьоду. Цхьаьна не1арах чоьхьа волу, цу чохь и х1умнаш кегош кхин цхьа лор-йиша хуьлу. Х1ара чу иккхича кхералой йуьсу иза латта. Йуха метта а йог1ий, кхунна дов дан йолало.
Лор-йиша
Хьо лаа вуй, жима стаг?! Хьан бакъо йац кху чу ван! Сихха аравала кхузара! Ас 1едале д1а алале, валу, аравалал кху чуьра!
Рашид
Мохь ма хьекхалахь суна, ас д1акъажор йу хьо, хьо йолчохь! Хьан х1ун бакъо йу неха х1умнийн кисана хьежа?! Х1ан?!
Х1окхуьнан тидам хуьлу, цу зудчо шен куьг сихдина кисана та1ош.
Рашид
Дукха сиха схьалол соьга хьайн киснара сан кехат, хьо жуьлг хьо ма-йарра. Соьга хьайх куьйгаш ма тохийта, хьан йала меттиг бац хьуна. Кхаанна т1е дагар до хьуна аса. Цхьаъ, шиъ, кхоъ!
Зудчо сихха кехат схьакховдадо.
Рашид
Даьхни ден мерк1елахь бакъхьа ду. Х1инца дийцал, хьенан г1уллакх деш йара хьо? Хьан йала меттиг бац хьуна. Царна х1инца хуур ду суна хьо гинийла, цаьра хьайх ден дерг а хууш хир йу-кх хьо.
Зуда
Сан кегийра бераш ду… Царех кхин д1а тешам бац.
Рашид
Иштта барт бой вашимма: ахьа соьга схьадуьйцу хьайна хууш дерг шадерг, аса х1инццехь хьан бераш к1елхьара дохуьйту; цаьрга ахьа кехат хьайна ца карадо олу. Иштта хан хир йу вайшинна бераш к1елхьара даха.
Зуда
Уьш кху чохь бу. Цаьрна хьо гина хир ву. Цаьра х1инца со йуьйра йу.
Рашид
Суна хаьа х1ун дан деза. Аса кхин цхьа зуда цаьрга йоьйтур йац. Ахь аса бох-бохург дахь?
Зуда
И ши зуда х1инцале йийна цаьра? Сан-м цхьа а аг1о а йац т1аккха?
Рашид
Хьуна хаьарий уьшиъ мичахь йу? Хьан ц1е муха йу?
Раиса
Раиса йу сан ц1е. Кхузахь г1алахь йу и ши зуда.
Рашид
Х1ун дина цаьра царна?
Раиса
Х1умма а. Схьа а йалийна чу йоьллина. Соьга царна наб йойтуш болу маха тохийтара. Сарахь а, тоха йаг1а йезаш йара со.
Рашид
Хьайн бераш стенгахь ду а дийца, иза шиъ стенгахь йу а дийца суна. Вай шу массо а к1елхьара дог1ур ду царех. Ткъа 1едало ахь деш долу г1о чулоцур ду хьуна.
Раиса
Дика ду, сан иштта а, кхин некъ бац к1елхьара йала.
 
Вайна камеро х1инца Бекка чохь волу чоь гойту. Маьнги т1ехь 1уьллу х1ара цхьацца пхенаш х1иттийна. Х1ара меттахъхьеш ву, г1ан го кхунна.

 
- Суна ган лаьа хьо, суна ч1ог1а оьшу хьо!
- Ца хеза, ч1ог1а дийцахь…
- Сан сих хьаьрчина хьо, сан сих, сан ц1ийх ийна!
- Хьо мила ву ва а? Со мичара йевзу?
- Суна хьо цигара кхуза схьайан лаьа! 
- Х1ан… Бекка, хьо ву х1ара…
- Со вац, хьо ца хилча! Хьо йацахь вац со а!
- Бекка, суна-м ца хаьа, хьуна со йиц…
- Пет1амат! Вай д1асакъаста дезар дуй ма ца хаьара вайшинна. Вовшийн алаза дукха х1ума ма дисна. Ца дисна, Пет1амат?
- Х1инца къастарца массо а х1умнах мах луш ду-кх вай… Къастаран мах беза хилла…
- Мел дика ду… Г1алахь ву со… хьо лелла урамашкахь…
- Суна хазахетта хьан аз хезна… делахь а…
Соцунг1а хуьлий, цхьа хан йоьду иштта вовшийн саде1ар хезаш х1оршиъ деха.
- Делахь а, Пет1амат?..
- Сан б1ьргийн хиш ду охьа лешаш… суна со ирсе хир йу моттадела, цхьаьна м1аьргонна…
- Хир а йу хьо-м, вай цхьаний хир ду-кх, дац?
- Бекка, хьо д1авоьду, къайла волу, кхин х1ума а ца олуш…
- Со-м вац… со сецна лаьтташ ву, г1орийча санна, шел а луш, со меттах ваьлча со шаверг атавелла сайха цинцаш хиларна кхоьруш санна…
- Бекка… г1ан х1инца чекх дер ду, со сама йоккхур йу… хьо хир вац, къастаран мах ч1ог1а шийла хилла… со шелло…
- Пет1амат, х1ара г1ан ма дац, хьажал со лаьтташ ву, т1е ло а оьхуш, хезий хьуна лон г1овг1анан лараш?
- Х1ара г1ан дацахь, со г1амарий йист йоцчу арахь, со цхьаъ х1унда йу т1аккха?
- Пет1а! Ма, ма г1олахь со а витий д1а…
- Стенга д1а?
- Цхьанхьа а ма г1о-кх…
- Хьо ван ма вац, Бекка… г1ан деха ма ца лаьтта, цунна ма ду и г1ан а… Со г1енашкахь йаха 1аьмма ма йу… хьо вевзинчул т1аьхьа…
- Пет1амат! Пет1а! Ма,..
 
Чоь схьагойту. Лор а, цуьнца йуххе баьхна кхин цхьа лор а, лор-йиша а йолуш - хьовсуш бу кхуьнга.
Коьрта Лор
Дика ца хета суна кхьуьнгара хьал. Вайн кхин да х1умам дац кхунна. Аллах1ан карахь ву-кх х1ара. Цуо диннарг хир ду-кх кхунах. Вайх массарех а, - т1етуху. – Малика, б1аьрг 1уналла дика делахь кхуьнга хьожуш. Ас йуха а ладуг1ур ду кхуза.
Лор-йиша
Кхуьнан гергара нахана х1ун до? Х1ара ган лууш бу уьш.
Лор
Церан вайнчул а т1ех даьккхина кхунна дан дарба делахь - чу бахкийта. Дацахь – ца оьшу. Да-нана т1едита мегар ду хьуна.
Малика
Буо ду х1ара. Гергарнаш бен бац.
 
 
Йуха а г1ан.
- Ма дукха 1ий хьо гучу ца волуш? Х1етахь, цигахь хьан аз хезча хьана, кхин хезна вацара суна хьо.
- Муха, Пет1а, вайшимма кестта ма дира къамел?
- Иза г1енах ма дара. Со хьан бинжолга т1ехь ма 1ийра… 
-   Хьо муха йу, стенгахь?
- Жимма йуха хьажал, гур йу хьуна со…
Х1ара д1ахьаьжча шен букъ т1ехьа лаьтташ карайо Пет1амат. Иштта лаьтта х1ара шиъ г1еххьа.
- И х1ун духар ду хьуна т1ехь дерг, Пет1а…
- Хьуна ца девзу х1ара? Марчо ду-кх… Хьуна т1аьх а ма ду х1ара…

Ша 1уьллучохь б1аьргаш меттах хьедо. Лоьраш хьовсуш бу кхуьнга, х1ара тергал веш.
Лор
Диканна хилахьара х1ара. Цхьа а безамаш гина-м ца кхеча хьо кху маьнги т1е. Сел жима волу. Куьйгаш лехийла хьуна х1ара болх бинчуьнан. Мегар. Хийцам хилахь, муьлхачу а хенахь соьга хаийта.

Йуха а г1ан.

Билал а, Нухь а ву цхьаьна хазчу меттехь
- Ваши, х1ун ду хьалха бусалба стага дан дезарг?
 Билал дика хаттар хийта иза, вела а къежана:
- Хаза деза-кх цунна. Т1аккха муьт1ахь хила веза.
- Х1ун маь1ан ду ахь аьлчуьнан?
- Аллах1а аьлларг дан а, Цунах кхера а, Иза вовза везий цкъа хьлха, т1аккха Цуьнан Дин довза дезий? Вайна луушдерг – хазар – иза дин 1амадар ду, Къуръан 1амадар ду, цуьнан маь1ан довзар ду. Т1аккха хьо хезаш верг хир ву. Амма иза дац хьо аьлларг дешверг хир ву бохург. Бану Исраила аьлла: «Тхо хезаш ду, амма иза дийр долуш дац», - аьлла, шаьш. Дала и уммат дуьненчуьра хийцина вайн умматца. Вай боху: тхо хезаш а ду, тхо хезнарг дийра долуш а ду, гечдехьа тхуна.
- Аьлларг деш хилча, гечде х1унда боху вай?
- Дера боху, вайна хезаш дерг вай дика кхочуш деш доцу дера, цхьацца вайна бахьанаш а лоьхуш. Амма царех вайна хира-м дац к1елхьара довла бахьан, амма хир ду вайна т1ехь: бехк буьсуш долу бахьанаша-м.
- Сан х1у дакъа ду, мила ву со Аллах1ан гергахь?
- Аллах1а сий дина вай, бусалба а хилийтина. Цуо даккхийрачу г1улакхашна билгала даьхна вай. Дала Ша билгалдаьккхина хаьржина уммат ду боху вай. Хьо «лаьа илаьх1а иллаллаьх1» олучарех ву. Ткъа миаллиардашкахь адамаш ду шаьш иза олуш а боцуш. 
- Цуо вай х1унда даздина?
- Хьо бусалба, хьан да-нана бусалба хилла аьлла вац, ткъа ву, Цуо хьоьгахь цхьа беркат кечдина дера, Шен динна. Цуо иштта билгала вина хьо. Хьуна х1инца а ца го иза. Амма цхьа хан йог1ур йу хьуна иза хьайгахь схьакарош. Аллах1ан новкъахь цундера ахь кхин а ч1ог1а къахьега деза. Цуьнан новкъахь мух-мухха а къахьегар тарлуш дац. Айхьа деш долу муьлхха а г1уллакх т1ех дика а деш, Аллах1ан дуьхьа а деш. 
- Муха, х1ун дан деза?
- Хьуо зие веза ахь, хьайга мел х1ун дало хьожуш, муьлхха а дика долчу х1уманна т1ехь. Хьайн лаамаш, хьайна дезарш хьалха а ца дохуш. Далий, Пайхамарий бохург хьалха а доккхуш. 
 

Циггахь. Билал ву, Хасанбек ву, Бакар а, Мансур а. Хасанбек з1е хьийзош къамелаш деш ву. Йуха Хасанбек кхарна схьа т1е вог1у.
Хасанбек
Ас вуно ч1ог1а хаза кхаъ баккий шуьга? Вайнаш схьбог1уш бу. Операци шинхьа а ц1ена чекхйаьлла. Альхьамдулиллах1!
Массаьра а олу кхара - Альхьамдулиллах1.
- Рашид бахьана долуш, шен хеннахь а, говза а болх хила кхунах. Дала цуьнан хьекъал ца кхаьчийтанхьарий, со хууш вац, х1ара мел ирча сурт х1уттуш дерза тарлора. Шиа йо1 к1елхьара йаьккхина, цхьа а зие-зулам доцуш. Оцу лоьра-йишин доьзал а к1елхьара баккха кхиана иштта. Х1инца, х1ара вайн жима турпалхо шен когаш т1е х1оьттичахьана, шадерг а дика д1адоьрзуш дара-кха.
Сихвелла Коьрта лор а, цуьнца вуьйш а, Бекка волу чу д1ахьаьвди.
Х1орш а кхера белла цу аг1ора т1ебаг1а. 

Бекка кхетамчуьра вала г1ерташ санна гойту аппаратто. Ша тайпана г1овг1а а йеш. Лоьраш гонд1а бу. Дан х1ума дац. Цхьа маха тоха олу Лоьро. Иштта х1орш гонд1а а хьийзаш Бекка б1аьргаш уьдуш гуш ву. Кхунна йуха а дуьхьала туьйсу.

1аьржа ц1а ду геннахь схьагуш. Х1ара, Бекка, лецна вуьгуш ву шина беречо. Дехьа, сехьа ваьлла, цхьацца белш а лаьцна. Кхуьнга дош а ца алало. Мотт керчаш бац кхуьнан. Кхо цхьа г1ам-г1им до. Вукхашиммо х1ара тергал а ца во. Шайн декхар кхочуш деш ву уьшиъ. Ц1а долчу герга кхочу. Х1ара дикка хьежа х1утту. Кхунна цхьаннах тера хета х1ара х1усам. Кхийта х1ара. Кхааба йу кхунна дуьхьал лаьтташ йерг. Не1 йелла а лой, ша, х1ара чу хьажаво вукхара. Чоьхьа ваьлча, чохь 1аьржа йу. Кхунна Аз хеза.
АЗ
Салам ца ло ахьа, йа, Бекка?
Бекка вистхила тохало, делахь а аз ца долу кхунна чуьра.
АЗ
Салам ло, вуно деза ни1мат ма ду цьунца.
Кхунна чуьра дош а ца долу. Вукхо кхозлаг1а а омра до.   
АЗ
Салам ло, х1ай, Аллах1ан лай; Адаман ц1ий, Нухьан т1аьхье, Иброх1иман зуррат, Мухьамадан уммат!
Кхунна т1ехьа цхьа са хаалой, х1ара вуха хьожу. Чоь вуно хаза къега, серлайолий. Букът1ехьа лаьтташ 1ийса Пайхамар (1алайх1и салам) караво кхунна. Иза гича мотт шашаха басталой кхуо салам ло.
Бекка
Ассаламу 1алайка, х1ай, Аллах1ан Пайхамар - 1иса! Хьо марша а вог1ийла! 


Малика
Цхьаъ дуьйцуш ву х1ара к1ант.
Лор
Къаьстарий хьуна цуо аьлларг.
Малика
Х1аъ. Салам делара цуо пайхамаре. 1иса аьлла ц1е а йаьккхира.

Кхуза схьакхаьчна вуьйш а. Пет1аматан гергарнаш а. Зеламхас Бекка дика вац аьлла дог доьхна кхеран х1инца. Къаьсттана, кхо адам холчу х1оьттина х1инца: Насу, Рашид, Пет1амат а.
Камерой йуха а вайна чохь дерг гойту.
Лор
Кхуьнчарех цхьаъ чу кхайкха веза, теш хилийта. Малика, хьажахь цигахь.
Малика арайолу.
- Кхуьнан уггаре чоьхьара мила ву шу кхузахь?
Зеламхас ц1е йоккху: Насу йу, Билал а ву. Тийналла х1утту.
Малика
Шух цхьаъ сихха чоьхьа вала.
Билал
Насу, хьо д1а чу г1о. Хьуна дика хуур ду цуьнгара хьал-де.
Насу
Билал г1ура ву.
Малика
Шу шиа чоьхьа дала, т1аккха, сихо йе.
Х1ара шиъ чу доьду. Бекка меттах хьеш ву, йуха а. Х1ара шиъ т1ехуьлу, лор д1ахуьлу.
Лор
Шайна къаьстий хьажал цуо дуьйцург.


1иса
Ва 1алайка ассалам, йа, муслим! Со вац веанарг, хьо ву хьошалг1ахь. Вай шолг1ачу стиглахь ма ду.
Бекка
Х1ун некъ бу аса беанарг, стенна? Аса цхьаъ нийса ца дина?
1иса
Хьо Аллах1е доьхуш вар-кха… Аллах1 жоп луш ву Шега, ц1ена даггара доьхачунна.
Бекка
Кхера везий со?..
1иса
Дала хьалха Ша д1ало Шен лайшна, т1аккхий бен 1ибадат т1е ца диллина Цуо цаьрна. Адам набарха деха; само йоцург, дуьне а, эхарт а доцуш вайна ву.
Бекка
Бехк стенна т1ехь бу? Нисдала некъ буй?
1иса
Йалсаманина йоьг1на барх1 не1 йу. Цаьрна доьг1на дог1а ду - х1оранна шен-шен. Цу чохь, х1ора адаман ц1арах йоьг1на г1ала йу, цуьнан ц1е тоьхна. Аллах1а и дог1анаш х1оранга шег-шега д1аделла, цаьргахь ду. 
Бекка
Стенгахь ду и дог1анаш, лаьмнашкахь-м дац?
1иса
Аяташ: 2/3-7.

1иса
Адамца шен ц1ийца йу Йалсамане а, Жоьжахати а. Цуьнан не1арш а, церан дог1анаш а х1орангехь шегахь ду. Стагана шен лаамехь дитна Аллах1а, цуо муьлха не1 йостур йу. 
Бекка
Оха х1ун дан деза?
1иса
Аллах1а адам цкъа а д1атесна дитана дац, цунна г1оьнна Цуо жайнаш а дахкийтана, Пайхамарш а бахкийтана. Массо а х1уманан, Дала кхоьллина долчуьнан: йуьхь а йу, чаккхе а йу. Цуьнан жайнех т1аьххьара жайна иза Аль-Фуркъон ду, Пайхамарех мух1ар – Мухьаммад а ву. Цу шиннах тасавеллачунна некъ нуьре бу, нуьрехь вог1ург галваккха ницкъ бац ибл. Иза боданехь куьйгалла деш ду.
Бекка
Ткъа хьо?
1иса
Цхьацца хан хуьлу лаьттатехь, бода 1аь1аш, адамийн харц некъехь. Ишттачу муьрехь, Аллах1а Шен туьран ираллин буьххьехь доуьйту нур - бода къахко. И зама герга йу. Бодан шаршоно хьул деш лаьтта дуьне. И тур шу дехачу махкахь ду…   

Бекка, пха беттабалар ч1ог1а лахлуш ду. Лоьро кхин а цхьа маха туоха олу. Жимма хан йаьлча ц1ий доладала хьоду. Лоьро Далла хастам бо.
Лор
Х1ун олу аша? Х1ун дуьйцу цуо? Дика ду. Мехийша д1адулуш белхаш хир бу. Х1инца шаверг д1а ара вала. Гена ма довла, со тешна вац х1ара г1уллакх дахлур ду аьлла.

Х1орш арабовла, цу чуьра. Наха хоьтту хьал-де. Лоьро доцца олу:
- Вайн карахь дерг, Дала дайтинарг вай дина, деш ду, дийра а ду, Дала мукълахь. Х1инца шу д1а ц1а г1уо. Кхузахь, цхьа шиъ сецча тоьур ду.
Пет1амат, б1агор бохий охьайоьдуш хуьлу, йухерчара г1ента хаъа йо. Иштта х1орш бохкушехь Рашидана а вуон хуьлу. Лоьро х1ара шиъ палати чу д1анисдойту. Йуха, ша, кху шинге хьожий вист хуьлу.
Лор
Кхераме а, сагатдан дезаш а х1ума дац. Йо1ан стресс йу, к1ента г1ора кхачийна. Жимма г1одичахьани, са а ма доь1ана, метта дог1ур ду.
Лоьрана Хасанбек т1евоьду, цуьнца жимма соций схьа т1е вог1у.   
Хасанбек
Лоьро аьлларг шуна хезара, шайн лаамехь ву-кх х1ора а. Дика-м д1адаг1ча хир дара. Жима къуонах хьо а д1а ц1а г1уо, сада1а деза ахьа а. Хьуна дукха ницкъ хилла. Насу, ахь х1ун до?
Насу
Со соцур йу, Билалца.   
Мансур
Зеламха хьо вайгахь саца веза. Х1инца Хьусейн а схьат1е вог1у.
Хасанбек
Мансур, Бакар, цхьа ши дош эр дара аса, арахь.
- Иштта шуна ма хаьъара ду хьал. Ширвани а, Чингиз а д1алецна. Цаьрга дарий дойтур ду, вукхо, лазинчо, кху шинни ц1е йаьккхира, кхин цхьа а ца войзу шен аьлла ч1аг1велла. Уьш д1алицарха, тоьшалла дан цкъачунна цхьа а бух бац. И бух ца хилахь, уьш д1ахоьцур бу. Аса х1унда боху аьлча, церан х1илла хила мега иза. Х1ара шиъ бехке вайтана, шаьш к1елхьара бовла. Доцца аьлча: талламаша гойтур ду, вай мел нийса новкъа доьлху. Шаболу кхерам д1а ца баьлла. И кехат ца карийна, цу т1ехь дерг а… Иштта ду хьал. Вицлора хатта. Бакар, 1аьнди?
Бакар
Дубай ваг1ана ву, тхан белхан г1уллакхна. Со вара цигахь хила везаш. Цхьаммо х1ете а дакъа лацадезара тхойшиннах.
Хасанбек
Вицлора, кхин а: Селам дарий деш ву. Иза ша т1евеана тхуна. Иза ц1ена ву, цкъачунна. Д1а ц1а ваг1ийтана иза. Цунна а лоьралла оьшур ду. Ч1ог1а воьхна ву иза. Кхеравелла а ца хаьа, йа…
Бакар
Эхь хеташ хир ву. Иштта девна йуккъехь цкъа а хилла вац иза.
Хасанбек
Дала маршалла дойла-кх Беккана а. З1енехь хир вай. Ассаламу 1алайкум. – Ва 1алайкум ассалам.
Билал т1е вог1у кху шинна.

Билал
Шуьшиъ цхьаьна волчуьра. Ч1ирца дерг чекх даьллий шуна йуккъера?
Мансур
Даьлла. Дала мукълахь.
Бакар
Дела реза хуьйла кхарна а, цу йуккъехь иманехь дош аьлла хьуна а, Билал. Оха дан дезарг кхочуш дийра ду. Шайна луург аша схьахаийтача.
Мансур
Вайна йуккъехь дерг вайн кхин къесто х1умма а ца дисна, вай вовшийн къинт1ера а дойла х1ума дичахьана. Х1инца бала берг – иза, оцу к1антах дерг ду-кх вайн массера а. Иза мукъна а туовелча, сайн йо1 туо йелча санна хетар дар-кх суна.
Бакар
Дала цхьа доккха дика дина волчух тера ду и к1ант.
Билал
Нана д1айаьлча, церан х1усамехь кхин иза воьлахачуьра сацне а ца сецна, вайга вигира, цигахь а ца 1ийра. Кхечанхьа вуьгура. Соцуш вацара воьлхуш. Насу йолчу а кхечара эххар а. Цигахь д1асецира. Т1аккха массера а барт хилла цигахь д1атарвира иза. Цуьнан де вашин доьзала цигахь сецира. Кхуьнан шийтта-кхойтта шо долуш иза а кхелхира. Иштта цигахь хьалакхиъна-кх х1ара ц1оькъа-лом. Насу а маре а ца деш иза кхиош ц1ахь 1ийна йу. Цуьнан шолг1а нана лоруш.
Мансур
Зеламхи нана а, тхан ненахойх а йолуш, йуххера гергара ма йу. Цхьа чучча гергарлонаш ду-кх вайн.
Билал
Доккха беркат ду иза вайна йуккъехь. Вай кхин а гура ду. Дала мукълахь. Х1инца парг1ат хила ший а.
Бакар
Оьшучунна со кхоа ма ве, пурба дац шуна.
Йоза х1утту: «Масех сахьт даьлла цул т1аьхьа»
Х1инца кхузахь гуш берш: Хьусейн, Насу, ши полицейски а, Билал, Асет, Зайнаб, Зеламх. Рашид араволу шен чуьра. Шен шина йишина т1е воьду. Вукхара хотту муха хета олий. Кхуо ша ма варра ву ша олу.
Рашид
Дика ву. Насу, х1ара шиъ сан ши йиша йу. Асет, Зайнаб а. Насу, шуна хьалха ч1ог1а бехкала ваг1ана со. Шушиъ сайна къинт1ера йаьккха лаьара суна. Пет1амат стенгахь йу, цунах х1ун хилар?
Пет1амат
Со кхузахь йу, суна цхьаъ хила лууш-м вацара хьо?
Рашид воьхна.
Насу
Дика ду-кх, хьо метта йеана. Рашид, оха хьо бехке ца во, тхо хьуна къинт1ера девла. Х1инца коьртанаг: Бекка дийна висар ду.
Рашид
Муха ву иза, эларий лоьро?
Насу
Цхьаьна эшара 1уьллуш ву, меттаваза.
Рашид
Насу, хьоьга хьайга, цхьа х1ума ала аьллера соьга Бекка. Жимма дехьа довлий вай.
Насу
Со ладуг1уш йу хьоьга.
Рашид (къайлаха кеат схьа а доккхий)
Х1ара кехат ду, Райана соьга аьлла йаздинарг. Аса х1ара карош дац аьлла массаьрга а.
Насу
Т1аккха, х1ун ду цу т1ехь суна хаьа дезаш?
Рашид
И йоза д1адаьлла-кх кху т1ера. Кехат ц1ена ду-кх. Бекка хьоьх дагавала аьллера соьга, хьуна хуур ду.
Насу
Соьга схьадала йиш йуй хьан иза? – х1окхуо д1ало, къайлаха дала а г1ерташ. Насу т1ехьожу.
Насу
Райана х1ун 1амош йара?
Рашид
Бекка а хаьттар изза. Хими.
Насу
Делахь хила мега, кхунна т1оьхлура йоза д1адаьллехь, бухахь кхин цхьа йоза хила а.
Рашид
Бекка элара хьуна, уьш ши йоза ду аьлла. Со ца кхийтара, х1инца ахьа ма бохху ду-кх хьуна иза. Иза муха хуур дара?
Насу
Пет1аматан хаьа деза, иза йу иштта х1умнашца говза. Цунна гайта-м мегар ма ду х1ара?
Рашид
Ца гайтача дера дац.
Насу
Со иза эцна дехьа йолу хьуна, тхайшинна цхьа г1уллакх долуш санна. Кхуо х1ун олу хьожу хьуна со делахь.
Рашид шен йижаршна т1е воьду.
Насу
Пет1а, йалу, мала хи эца вай.
Пет1амат цхьаъ до цунна, буг1ара йоза д1ах1утту.
- Деша мегий ас?
- Ца оьшу. Рашиде д1адала деза.
- Хьо теший цунах?
- Кехат цуьнга йаздина ду.
- Цуо хьоьга схьа ма делла х1ара.
- Делла, х1унда? Ша вайх теша дера.
- Цхьа цуьрг хьажийта, ас къа ма хьегна цу т1ехь.
- Цицигаш йаъа-кх хьо. Карах долу хьа-м.
- Деца, цхьаьна б1аьргаца. Цуо х1умма а эр ма дац, диканаг хила г1ерташ ма ву иза, ца го хьуна. Къинт1ера дог1уш. Бекка хьала ма г1атта-кх, ас цунна…
- Х1ун элар ахьа? Хьо ма ч1ог1а сагатдеш йу цу к1антана. Селхана бер ду а баьхна…
- Иштта къахета-кх, жима ма ву иза.
- Х1а-н, и ду иза, кхин х1умма а дац, даций?
- Деца, хьуна со йевзу-кх.
- Йевзу-кх хьо ма йарра-м суна. Йалу - аранехьа. Чоьхьа а йалий, хичаш а йай, Рашид схьаваийта.
Рашид схьавеа. Кхуо кехат д1акховдадо.
Рашид
Къаьстан х1уммаъ?
- Къаьста. Оха ца дийшара, кехат хьоьга йаздина хилча.
- Ахь деша мегаш ма дара. Хьоьх лачкъург хиллаьхьара ас хьоьга лура а ма адцара х1ара. Схьадосту. Цу т1ехь суьрташ ду. Бинжолг а бу, терза а ду. Т1оьхлара чу хьажийна серло а йу. Йуха цхьа мухар а ду, шен т1ехь зорг а, йолуш.
- Х1ара х1у ду-у-у? Х1а-н, хьо хьажахь кхуьнга.
- Х1орш зоргаш йу, иза кхета со, ткъа цаьра х1ун мотт буьйцу… цкъачунна ца хаьа суна.
- Х1ун ала г1ерташ хилла техьа Райан? Соьга схьа х1унда ца аьлла?
- Цхьа кхерам гина, иза цунна йуххехь а хилла.
- Цуьнан маьхча, Хьусейний?
- Суна ца хаьа.
- Цунах кхоьруш хилча-м цуьнга х1унда делла цуо х1ара?
- Вукху йозано х1умма а ца хьоьху хьуна?
- Иза доьшучу хенахь со ойла баланаша д1алаьцна йара, со ца кхиара ойла йан а, иза дагахь лаца а. Собардел цкъа: х1ара мух1ар ду моьттуш-м ву со, суна иза цхьаьнгехь ган а гина-кх. Амма хьаьнгахь? Иза ду-кх х1инца хаттар. Ткъа бинжолг? Цуьнца х1ун ала г1оьртина иза? Бекка а ма хуьлура… аса хаьттича бинжолгах Бекка вист а ма ца хилара… Хьо соьх ца тешахь, аса х1умма а ца боху, бинжолгах дерг хьуна хаий техьа, моттаделла-кх суна? Х1ара шиъ вовшийн б1аьргаш чу хьожу. Крупным планом.
- Бинжолг, бинжолг бу-кх, кхин х1ун хир ду кхузахь?
- Т1аккха х1ара кехат Хасанбеке д1адала деза… - кхуо олушехь…
- Ца деза! Ма ло, цхьаьнге а ма ло, хьайгахь дита. Йа ма дита, дагаде. 
Пет1амат схьайеда кхаъ бахьаш.
- Беккина вуо хета боху лоьро, хьоьга сихха схьайола а.
 

Воккха
Стаг дуьнен т1е ваьлча и кхалхалца, цуьнца цхьана деха кхо х1ума: 1ожаллий, мацаллий, хьогаллий. Т1ом а болий, мохк а бегабой, хи т1е а долий, кхин а бохамаш хуьлий адам шен долчух массо а х1уманах долу. И кхо х1ума хаддаза цхьана хуьлу стагца, иза дийна мел ву. Цара д1а ца тосу стаг цхьаьна а хьолехь. Нагахь санна и кхо х1ума стагана вуониг лууш хилча, адамца цхьаьна некъахой хир дарий царех? Делахь х1ета, Дала цаьрца  къайла даьхьана долу беркат ган деза-кх. Халонаша, баланаша бусалба стаг бакъдолчунна т1е вуьгу, Дала къайладаьхьана, хьулдина долчу. Цхьа бала болчехь дарба а хуьлу цунна. Йуспан (1алайх1и салам) хилларг дагадаийтал. Г1ун чу а кхоьссина, йуха лай а вина хилла волу цунах, паччахь хилира. Айубехь (1алайх1и салам) хилла болу бала, цамгар дагайаийтал. Н1аьнаша виана, д1акхачош хилла волу иза: хазвелла, къонвелла, къага а къегина йуха ваха хиира. Къоьла 1аь1анчохь беркат а держа, АММА ИЗА хаза ДЕЗА, хезчий БЕН ЦУНАХ ШАБОЛУ ПАЙДА СХЬАЦАЭЦАЛО. Берда йисте хиъна 1ийнарг хино ваьхьна. Хи довза деза.
- Мацалла х1оттахь х1ун дан деза?
Вокка
Мацалла ла йеза-кх. Аллах1ан цхьа къайле гучуйер йу цуьнца х1оттайелла йолу, бусалбачу нахана. Субхьаналлах1, Альхьамдулиллах1 бохуш зикар деш ду маликаш. Иза церан даар ду. Цаьргахь г1ора а, ницкъа а лаьтта цу зикарца. Цу зикарца мацалла духа тухур йу бусалба наха а. Вайна иза кхераме йац. Тахана и зуькар вай тергал деш а дац, амма мацалла х1оттахь – цуьнан доккха беркат гучудера ду. Альхьамдулиллах1, ша болу хастам Цу Цхьанна, Аллах1ана бу!
Хаттар:
- Вай дайша бусалба дин т1е маца эцна?
Воккха
Эца а ца эцна. – Соцунха хуьлий 1а. - Уьш бусалба хилла даима а. Нухь Пайхамар (1алайх1и салам) хилларг хилла-кх вайн дай а. Иброх1им Пайхамар (1алайх1и салам) хилларг хилла-кх вай дай а. Вайн гар а Нухьин к1антехула схьа деана, кхин з1е ца хедаш. Иштта д1адаханчу гарашах хилла бу дуккха а пайхамарш. Цаьра бийцина хилла болу мотт а вайн болуш бу, иэсс а ду, ткъа йоза? Иза вайн къам х1аллак дан 1944 чу шарахь махкара даьккхинчул т1аьхьа, Грозный шахьарахь, ша долу жайниш майдана гул а дина дагийна совета 1едало. Ткъа совет 1едал хьенан карахь дара? Цаьра шаьш х1ун до а хууш дагийна ду уьш, вайна йозанца тоьшалла ца хилийта. Х1инца вайн бакъйолу тарихь хьахийча вай туьйранаш дуьйцурш хуьлу. Адаман (1алайх1и салам) ц1ийх ду вай, Нухьин (1алайх1и салам) т1ахьенах ду вай, Иброх1иман (1алайх1и салам ) миллатах ду, Мухьаммадан Пайхамаран(соллаллох1у 1алайх1и ва саллама) умматах а ду вай. Кху дуьненахь вайн хетарг ца хилахь а, цаьрна хетарг а-м хир дац аьттехьа а. Диснарг ши х1ума ду. Муьлхарш хир дара уьш? Йаздархочуьн Бексултанов Мусан ду-кх йаздина цхьа дийцарш. Царна йуккъехь цуо а хьеха до и ши х1ума: «1иса Пайхамар (1алайх1и салам) восса везарий, Къемата Дей». Цу т1ехь чекхйолу адамийн тарихь кхузара. Мел хаза ду Аллах1ан г1уллакхаш. Адам Пайхамар а кхоьллина (1алайх1и салам) д1айолийра Дала адамийн тарихь, йуха 1иса а (1алайх1и салам) дуьненчу ваьккхина Адамах терра, дех схьаваьлла а воцуш, цуьнгахула, 1исагахула д1айерзош ву Сийлахь Аллах1 адамийн тарихь. Ша болу а хастам Цунна Цхьанна Аллах1ана бу. Лаь хьавлаь ва лаь кхуввата иллаь биллаьх1 1алиййил 1азым.


Бекка х1инца метта вог1уш ву. Лоьро х1ара шиъ чохь дуьту. Иштта х1ара шиъ 1аш а долуш, кхин дист хилла а доцуш, Бекка сама волу. Г1ийла б1аьргашца шена хазахеттий хоуьйту кхуо х1ара шиъ цхьаьна гина. 1ийна халла хезаш вист хуьул.
- Йоза ларде… оьшур ду… 1абда-рРашиде дийца мегар ду хьуна, Насу.
- Цкъа хьо метта вола, хьалаг1атта, ламан-борз.
Насу
Ахь х1ун дай, сихха лелий валал. Йиш йац кхуза а хиъна т1екелваьлла вижина 1илла. Вайн ц1ахь жа ду, даьхни ду. Лаьмнаш а ду хьуна сагатдеш.
Малика чу йог1у. Кхуьнан т1адамаш оьхург хьа йой, х1ума до.
Бекка
Ч1ир?
1-Рашид
Иза кхин йац. Д1адирзина. Со хьалха витна ч1ирах. Аса, суо ца витна цунах хьалха. Ахь элар-кх, х1ара д1адирзича, хьо кхин со ца гича а мегар ву аьлла. Иштта дуй иза?
- Ду. Вайшинни некъаш башха-башха ду, х1ора шен новкъа г1ур ву х1инца…
- Кхетта со. Хьуна иштта лууш хилча. Хьо сихха талой, хьалаг1атта. Ахьа суна мел динчунна – Аллах1 реза хуьлийла хьуна.
Малика 
Х1инца аша цуьнга садо1ийтача дика хир ду.
Пет1амат чу хьожу. Куьг ластадо кхуо.
Бекка
И йо1 х1инца а шен ц1а ца йахана? Ц1ахь дан х1ума а дац кхуьнан?
Йо1 йуьхь1аьржачу х1оьттина лаьтта, кхин д1а ша х1ун дан деза а ца хууш. Малика а цец йаьлла. 1-Рашид а ца кхета. Цхьа Насу йу балдаш т1ехь дайн йелар уьдуш лаьтташ. Х1орш чуьра арабовлу. 1-Рашид а, Пет1амат а доьхна ду. Шайна и стенна реза вац ца хууш.
Насу
Бетош хьаланисйе шайн.
Пет1амат
Валлах1и, Деца, ца хаьа суна-м, суна ма ч1ог1а кочу оьху иза? Айса цунна х1ун дина-м ца хаьа суна.
1-Рашид
Суна а ца хилла иза реза волуш. Х1ун дер т1аккха, шен-шен некъ бер-кха.
Насу
Шуна ца вевзина иза х1инца а. Цуьнан цхьа йоккха ойла йу. Хийра стаг чохь йолун дера сурт х1оттий цуо, вай а тоьшуьйтуш. Вуьштта цу чохь йерг а тешар ма йацара цунах. Тидам бира аша, иза мел цецйаьллера. Иза хьелур вац кху чохь, гура ду шуна.
1-Рашид: Иштта дуй-те иза? – Ду. Суна хаьа. – Т1аккха, сан цхьа х1ума дара цуьнга ала дезаш, со иза аьлла араволу.
Насу
Хьо хьуо вац, Раиса лецнарг кху чохь. Хьан хаьа Малика х1ун деш йу кхузахь? – Со а кхетайайша!
1-Рашид: Хьо кхетайе бохий ахь? Дика ду. Со вист хир ву цуьнга, аша ладог1а не1арехь.
Рашид чу хьожий Малике: - Цхьа ши дош аьлла, со араволу. – Дика ду алал хьайн ши дош.
1-Рашид
Бекка, со новкъа вала воллу. Мисра ваг1а ойла хилла сан. Цигахь хьалхалера суьрташ 1амош долу 1илма 1амо. Со новкъа валале, хаьа лаьра суна х1ара х1ума. Пет1амат сайца йига аса, цуьнан де йишера пурба а даккхий, цунна а лаьра цига йан. Сан йижаршца хир йу иза. Сан ши йиша а йига воллу со сайца. Йа, Насуна йуххехь ц1ахь йита иза? Х1ун аьлла хета хьуна?
Бекка
Ц1ахь. Насуна накъост ма оьшура йу. Ша цхьаъ ма йу иза. Хьо кхин тхан г1уллакхашна йукъа ма г1ерта, дика дуй? Хьайца ларван хьажахь. Со кху чохь мел вахлур ву ца хаьа, цундера, айхьа бохийна бинжолг д1атобе. Цигара бераш дог доьхна хир ду. Цул т1аьхьа г1уо… - Иза а олий, Малике д1ахьожу, шена иза к1ордина бохуш санна. Х1ара кхин хье ца луш араволу.
Пет1амат
Иза ма вуо вистхила цуьнга, Деца? – Вайшинна ца хаьа цу шинне х1ун йукъа доьжна. Вайшинни г1уллакх дац церан балхаца.
1-Рашид
Кхийтарий хьо, Пет1амат? – Стенах? – Муха стенах? Ша хьуна т1ехьийзаш ву бохура-кх цуо, хьо шена йалу а дагахь, ша туоваллалца ахьа собар дахь. – Пет1амат ц1ий йелла, аьхь хетта. Х1окхуьнан йижарий т1е бог1у кхарна.
Асият
Де дика дойла. Муха ву Бекка?
1-Рашид
Дика вара иза-м. Дуьлу д1адоьлху вай. Кхузара г1уллакх чекхдаьлла вайн. – Ши йо1 цец йаьлла. Кхин х1ума а ца олуш, т1аьхьа х1оьттина йоьдуш йу. Важа шиъ т1аьхьа сецна мелла а.
Пет1амат
Аш лелочунна т1аьхьа кхуьур а вац. – Тхо-м дац, хьо йу-кх иза, хьайн ц1ахь ца 1аш.
1-Рашид йуха вог1у кху шинне т1е, йижаршка шен цигахь собарде а олий.
1-Рашид
Т1аккха, Пет1амат, реза йуй хьо хьайга хьехочу захалонна? Иза хоьттуш ву хьоьга, жоп а дезаш хьоьгара.
- Деца? – Хьоьга хоьтту цуо, соьга ма хьежа. Жоп ло. Йу, йа йац.
- Йу. Со-м реза йу, иза вац-кха.
- Валлах1, бер хьо ду-кх хьуна, иза дуккху а хьол воккха ву-кх.
- Насу, хезарий хьуна, бинжолг туо бе бохура цуо соьга. Х1ун хилла цунна? – Х1ета, Райанина церан ойланаш хиъна, мухха а хиънехь а. Бинжолг массо а х1уман дог1а ду. Иза мостаг1шна хаийта мегар дац. Х1инца кхетта со, цунна луучух. Цхьа 1илманча ву. Цунна хуур ду оцу зоргаша буьйцу мотт схьабаста, т1аккха вайна кхин д1а х1ун дан деза а. Иза Буг1ан-йуьртара ву. Х1инца вайна т1аьхьа тидам беш церан б1аьргаш хир ду. Маца, муха аса кехат т1ехь йозанца хоуьйтур ду хьуна. 
1-Рашид
Вайн ц1ахь 1ида ду, вай довзарна т1ера. Аса шуна т1аьхьа машен йоуьйтур йу. Со ван йиш йолуш вац, бакъо д1айаьккхина сан машен лело. Асият а йог1ур йу шуна т1аьхьа, стенга бахка беза меттиг йийца. Дика ду. Сарахь гура ду вай. Шу ца даг1ахь, тхуна массарна а ч1ог1а вас хир йу.

ЧАККХЕ