Илланча велахь со - ву лаьмнийн илланча

Айза Барзанукаева
   Яшуркаев  Султанан оцу дешнашца   д1аяьхьира 7 апрелехь  Нохчийн Республикин Айдамиров Абузаран ц1арахчу Къоман библиотекехь доккха пох1ма долуш хилла волу и яздархо дагалоцуш йина йолу суьйре. Кхуза баьхкина бара нохчийн йаздархой, школашкара хьехархой, Султанан кхолларалла дукха йезаш болу рог1ера нах, цуьнан гергарниш, кхиберш а.
Дагалецаман суьйре д1ахьош вара нохчийн г1араваьлла яздархо, поэт, публицист, гочдархо волу Цуруев Шерип.  Яшуркаев Султанах лаьцна къамел д1адолош, цо доцца бовзийтира гулбеллачарна йаздархочун, поэтан, публицистан дахаран а, кхоллараллин а некъ. Ала дашна, цу цхьанакхетарехь Яшуркаевх лаьцна дош мел аьллачарна т1аьхьа цхьацца чулацаме т1етоха керла х1ума долуш, д1аехьира Шерипа и суьйре. Дийца алссам хуьлура, х1унда аьлча Яшуркаев Султанца цхьана «Пхьарматан» декъашхо хилла ву Шерип а.
Иштта, цу «Пхьарматехь» волш дуьйна Султанца шен тасаделлачу гергарлонах лаьцна дийцира нохчийн Къоман йаздархочо Ахмадов Мусас. Цхьана а кепара шеко йоцуш, Султан йоккха пох1ма йолш прозаик а, поэт а вара, элира цо. Дахар гайтар, цуьнан васт кхоллар говза хаьара цунна, шен 1алашоне кхочуш вара. Гергарло дезаш а, гергарло лелон  хууш а, дика накъост вара, оьшшучохь белш г1ортина, г1о дийр долш. Ч1ог1а мехала г1уллакх ду нохчийн халкъ махках дахарх лаьцна Яшуркаев Султанан «Маьрк1аж-бодан т1ехь к1айн хьоькх» аьлла повесть 8-чу классан нохчийн литературин учебникан юкъа яхийтина.
Бурчаев Хьалима а, Арсанукаев Мусас а т1еч1аг1дира Ахмадовс аьлларг, и тема Яшуркаевс  поэзехь а, прозехь а к1орггерчу исбаьхьаллица яьстина хилар. Кхойтта шарахь вайнаха  лайначу 1азапах долу дийцарш ду «Напсат», «Хорбазан чкъоьргаш», «Картолаш». Царна т1ехь дика гайтина халкъо Даймахке сатийсар а, къиза, хала еанчу оцу заманахь, адамаллех ца бухуш, нохчий чекхбовлар а. И дийцарш дешча, нехан б1аьргах хи долу, элира цара. Нохчийн йаздархойн Союзан куьйгалхочо Ельсаев 1аламада шен къамелехь билгалдаьккхира, Яшуркаев Султанан кхолларалла вайн къоман а, кхечу къаьмнийн  а литературехь йуьсур йолш йу ша айбинчу темица, нехан даг т1ера ца вужуш. Даймахках лазам болш йаздархо вара иза, аьлла. Оцу тоьшаллица дог1уш ду Султана олура, аьлла, Шерипа далийна дешнаш: «Сан ца лозуш меттиг бац» бохург.
Литературехь дуьххьара ког боккхучарна дика накъост, хьехамча вара Султан, бохш,  дийцира Тугузов Асланбека.
«Литературная гостиная» бохучу цхьанакхетараллин декъашхочо Дадакаева Масанис йийшира Дагестанера Хасав-юртан к1оштера «Нийсо» газетан редакторо Якиев 1умара Яшуркаев Султанна лерина йазъйина йолу байт.
Цхьа боккха,  бертахьчу доьзалехь санна, даггарчу ларамца Султан хьехош д1аяхара  и суьйре. Цига йеана Султанан йо1 Седа а йара, цуьнан йиша санна деган уллера шича Аймани а. Шайн ц1ийнан стаг Яшуркаев Султан лерина, цуьнан сий ойбуш дахкарна а, хаза тоьшаллаш дарна а баркалла олуш йистхилира Аймани. 
Диъ шо хьалха, 30 январехь 2018 шарахь, Бельгехь д1акхелхина Султан. Шен Даймахкахь Эшалхотехь кошан барз бу цуьнан. 18 шарахь цу дай баьхначу махке сатийсинера цо… Дала г1азот къобалдойла цуьнан!
2022 шо

 +