Араяьлла Ахматукаев Адаман керла книга

Айза Барзанукаева
Борх1алг1ачу декабрехь Айдамиров Абузаран ц1арахчу Нохчийн Республикин Къоман библиотекехь д1адехьира цхьанакхетар. Кхуза баьхкинера литературица гергарло лелош болу нах: яздархой, книгаш ешархой – Ахматукаев Адаман поэзи езархой. Церан кхузахь гулбалар ларамаза дацара: поэтан т1аьххьара араяьллачу «Аьзнаш» ц1е йолчу книгех лаьцна шайна хетарг дийца а, вовшех дагабовла а баьхкинера уьш.
НР-н яздархойн Союзан ц1арах цхьанакхетар д1ахьош яра къоначу поэтийн чкъурах йолу республикехь евзаш йолу байтанча Халикова Асет. Адамах лаьцна шен къамел долош цо билгалдаьккхира, иза вайн къоман литература кхиош болчу  республикин яздархойх цхьаъ хилар. Тахана вайн литература хьахочу хенахь ц1е йоккхуш болчу яздархойх  а ву Ахматукаев.
Шен башхачу пох1маллица вевзаш волу яздархо ву Мусаев Сулиман. Ч1ог1а мехала тоьшалла дира цо  Ахматукаевн кхоллараллина: «Адам вайн республикехь вевзина ца 1аш, Россин регионашкахь а, луларчу хьалха СССР-на чуйог1уш хиллачу пачхьалкхашкахь а вевза.  Цо беш боккха болх бу вайн къоман яздархойн гуларш лулахошна йовзийтарехь, цаьрца доттаг1аллин уьйраш  ч1аг1ъярехь..
Ша филолог хиларе терра, Джунаидов Аюба шена гуш дерг элира Ахматукаевн байтийн  башхаллех лаьцна. Стихан  кеп  ларъеш, поэтан коьрта турпалхо нохчийн къомах вуйла хууш ду Адаман  байташкахь, аьлла.
Нохчийн са, нохчийн къоман дахар, Нохчалла - уьш гайтар ю поэтан Ахматукаев Адаман кхоллараллин коьрта 1алашо. Цо и кхиамца кхочуш а йо, аьлла, лаккхара мах хадийра Ахматукаев Адаман поэзехь къахьега буьйлабеллачу  къоначу поэташа. Ахматукаев шайн воккха г1оьнча, накъост хилар а, массо  хенахь шайн конкурсашка а, шайн  цхьанакхетаршка а Адам вог1уш хилар а билгалдаьккхира цара. Ткъа х1окху рог1ерчу гулар т1ехь Ахматукаев Адам керлачу, поэтически говзаллин кхин а лакхарчу т1ег1ан т1ехь гина шайна, аьлла, т1еч1аг1дира цара. Шаьш боккха пайда оьцу цуьнца долчу гергарлонах, шайна цуьнгара дукха х1ума девзина поэзин къайленех, бохуш, Ахматукаевн стихаш а йоьшуш, къамелаш дира цара. Тидам т1ебохуьйтуш яра Виситаева Туманис, Умалатова Хедас, Абубакарова Пет1амата, кхечара гулбеллачарна йовзийтина поэтан керлачу гулара т1ера байташ.
Нохчийн халкъан артиста Ясаев Мохьмада билгалъяьккхира Ахматукаевн байтийн коьрта башхалла: «Мичча метте вахча а, миччанхьара схьаэцна  ешча а, уггар хьалха гушдерг -   стихаш кепехь шера нисъйина, мукъамашкахь  хилар а, хьо нохчо вуйла хаар хьоьга диц ца дойтуш  хилар а ю»,- аьлла.
Цхьанакхетаре баьхкинчара хазахеташ т1еийцира Абубакарова Пет1амата шен а, Ахматукаев Адаман а 12-13 шо хьалха кхоллараллин гергарло тасадаларх лаьцна дийцар. Интернетан «Стихи.Ру» ц1е йолчу сайта т1ехь Пет1амат т1е1оттаелла хиллера Адаман байташна. Нохчийчохь хиллачу шина т1амах лаьцна яра уьш. Царах лаьцна шена хетарг аьллера Пет1амата. Юха кхуьнца Абубакаровас йина интервью «Нана» журналехь зорбане а яьллера. Х1етахь дуьйна  гергарло ду шина поэтан.
Ахматукаев Адаман стихаш езаш а, евзаш а болчарех ю Якубова Асет. Иза Къоман библиотекехь кхоьллинчу «Книгаш ешархойн клубан» декъашхо ю. Библиотекехь мел хуьлучу массо а цхьанакхетаршкахь хуьлуш бу Клубан декъашхой.  Ша билгалъяьккхина   байт йийшира Асета а.
Поэтан керлачу  книгин ц1е «Аьзнаш» аьлла ю. Цу т1ехь зорбане яьлларг 60 байт а, «Синойн пхьоьг1а» бохуш йолу керла поэма а, оьрсийн маттера гочйина М.Лермонтовн «Мцыри» ц1е  йолу поэма а ю. Книгин барам  кисана йиллалуш  бу. И иштта жима х1унда йина ша, аьлла, дийцира автора: «Т1аьхьарчу хенахь «клиповое мышление» боху х1ума ду юкъадаьлла. Дукха нах бу книга ешарх д1ахерлуш, къаьсттина – дешархой. Уьш мелла а книжкина т1е юхаберзорхьама, д1а ма кхевдди книга т1екхочехь хилийтархьама  а аьлла йолчу  ойланца йина иза жимчу барамехь. Киснара схьа а йоккхий телефона чу хьовсу-кх массо а. Кисана йиллалуш хилча, чуьра араволуш и книга кисана йилла а тарлора жимчу стага. Зудабераша шайн басар-пудар чудуьллучу кегий т1оьрмигашна чуйилла а тарлора  книжка жима хилча, боху поэта.
Гулар т1ехь керла поэма ю «Синойн пхьоьг1а» ц1е йолш. Цу т1ехь дуьйцург - т1аьхьарчу б1ешарчохь вайн къомана т1ех1иттина киртигаш ю. Уьш                чулаца г1оьртина автор.  Революци яьккхинчул т1аьхьа а, Сийлахь-Боккхачу Даймехкан т1амехь а вайн турпалхоша   гайтина долу хьуьнарш а дуьйцу цу т1ехь.  Вайн къоман турпалхой бовзуьйтуш, х1ораннах а биъ мог1а аьлла а, довха дош олуш, цу кепара синойн пхьоьг1а а гулъелла, цара деш долу къамел вовшахтоьхча санна  язъйина поэма ю-кх х1ара, бохура къамелаш динчара.  Иштта цхьанакхетарехь къамел дира Ахматукаев Адама а. Гулбеллачара деллачу хаттаршна жоьпаш а делира цо. Цхьанакхетар дерзош кхуза баьхкинчарна совг1атана шен книжкаш елира Ахматукаев Адама, шен дуьхьа нах вовшахтухуш къахьегначарна баркалла а олуш.
Со тешна ю, и цхьанакхетар еххачу хенахь дагахьлаьттар ду цигахь хиллачарна  массарна а.
Ахматукаев Адаман пох1маллин кхин цхьа аг1о а билгалъяккха лаьа сунна: иза ц1еяххана поэт, прозаик, гочдархо, журналист хилла ца 1аш, меттан шен хаарш 1илманехь зуьйш ву карарчу хенахь. Цхьа шо сов хан ю иза нохчийн меттан эпитетийн дошам х1оттош волу. Оцу хенахь инзаре боккха талламан болх бина Адама. Зорбанехь арадевлла долу 170 нохчийн илли теллина цо. Дошам х1отторан кеп шатайпа башхалла йолш ю: х1ора эпитетаца иза юкъахь йолу цитата ялайо А.Ахматукаевс нохчийн илли  т1ера (оцу иллин ц1е а йоккхуш). Иза ч1ог1а маь1не ду: ешархочуьнгахь нохчийн иллешка безам кхуллур болш, нохчийн метан хьалдолш хиларх цуьнга дозалла дойтур долш х1ума ду иза. А.Ахматукаевна хетарехь, т1аьхьарчу хенахь йозанан литературни маттахь а, барта къамелехь а нохчаша к1езиг пайдаоьцу эпитетех. Иза ч1ог1а иэшам бийр болш х1ума ду мотт кхиарна, х1унда аьлча эпитет – мотт хьалдолш хиларан коьрта билгало ю. цундела и дошам зорбане яьлча ешархойн таро хир ю аьлла хетта эпитетех мела а шуьйра пайдаэца. Нохчийн мотт кхиорехь а мехала г1улч хир ю и дошам зорбане ялар.
Къамел дерзош «Аргун» газетин редакцин ц1арах ала лаьа: «Адам, Аллах1 Дала аьтто бойла хьан кхоллараллехь кхин а яккхий лакхенаш яха!»
2020 шо