Нохчийн маттах - нохчийн маттахь

Айза Барзанукаева
Нохчийн маттах лаьцна байташ йазъянза, йа цунах лаьцна шайна хетарг аланза а цхьа а йаздархо  хир вац. Цара х1ораммо а ненан меттан к1орггера васт кхуллуш, довха дош аьлла. Нохчийн маттах лаьцна цхьа а байт хаьий хьуна, аьлла, дешархочуьнга  хаьттича, «Доьзалехь бийца а дастама хеташ…», аьлла, д1аволало муьлхха а. Арсанукаев Шайхин байт хрестоматийни хилла д1ах1оьттина йаьлла. Вай хазахетарца, дозаллийца ц1ерш йоху ненан маттах лаьцна вайга  кхайкхам бинчу дуккха а поэтийн.
Нохчийн маттах лаьцна шена хетарг, лууш дерг схьахаийтина Джунаидов Аюба шен  «Нохчийн маттах – нохчийн маттахь» аьлла йолу керла арайаьллачу поэми т1ехь. Цуьнан презентаци хилира 2022-чу шеран 29-чу сентябрехь Нохчийн Республикин Айдамиров Абузаран ц1арахчу Къоман библиотекехь. Цул сов, йаздархочун, 1илманчин-лингвистан Джунаидов Аюбан 65 шо кхачарна лерина а йара и суьйре. Библиотекин йоккхачу зал чохь дукха адам дара Аюб лоруш, цуьнан сий деш, цунах а, цо йазъйинчу поэмех лаьцна дийца баьхкинарш. Баьхкинчеран даржаш ца дийцича а, церан фамилешца вайн республикехь бевзаш нах бу уьш: Дадашев Райком (Мохьмад-хьаьжа), Умхаев Хьамзат, Цуруев Шерип, Юнусов Хьамзат, Айдамирова Машар, Гадаев Ваха, Шамсутдинов Бувайсар, Ельсаев 1аламад. Кхин а кхузахь бара  журналисташ, нохчийн меттан хьехархой, студенташ, дешархой, йаздархочуьн гергарниш а. Гулбелчарна хазахийтира цига дешаран а, 1илманан а министр Дааев Хож-Бауди шен белхан накъосташца вар.
Цхьанакхетар д1ахьош вара вевзаш волу нохчийн йаздархо Саиев 1умар. Цо кхуза баьхкинчарна бовзийтира Джунаидов Аюбан дахаран а, кхоллараллин а некъ. Аюбах лаьцна вист мел хиллачуьн дара дийца шортта диканиг: цуьнан дика амалш, цо балха т1ехь хьоьгуш долу къа,   нахаца к1еда-мерза хилар, Даймахках дог лозуш хилар, ширчу заманара схьадаьхкина дайн хаза г1иллакхаш диц ца далийта цо деш долу йозанаш. Къаьсттина тидам т1ебахийтира цуьнан поэмина т1е. «Нохчийн маттах – нохчийн маттахь» - иза ненан маттах лаьцна ца 1аш, къоман истори, къоман географи, къоман турпалхой  - массо х1ума довзуьйтуш мехала произведении ю. Ша цу т1ехь мел хьахийначеран сий ойбуш, ненан матте безам кхуллуш, иза лаккхарчу т1ег1ан т1е хьалабаккха бохуш орцанца вайга кхойкхуш ву автор. Умхаев Хьамзата куьйгалла деш йолу Нохчийн меттан Институтехь 1илманан болх беш ву Аюб. Мацах Сулейманов Ахьмада ша цхьаммо долийна д1акхехьна г1уллакх тахана Аюббий, Бурчаев Султанний ву. Нохчийн мехкан талланза йисина меттигаш толлуш, топонимашна т1ехь  болх беш ву и шиъ.
Джунаидов Аюбах лаьцна къамел деш кхоччуш алалур дац цуьнан «Ирзера мукъам» а, «Турти-Хутор зажигает звезды» аьлла йолу ши книга ца хьахийча. Царех цхьаъ нохчийн маттахь, важа – оьрсийн маттахь йу. Цунах хаа деза вайна – Джунаидоа Аюб шина а меттан говзанча хилар. Уьш йеша хала дац. Авторан мотт говза, хаза, кхета хала боцуш бу. Ша дуьйцуш долчунна авторо юкъадаладо ширделла, юкъара д1адовлуш долу дешнаш. Контекстана йуккъехь церан маь1нах кхета хала дац.  Оцу кепара Аюба «йухадендо» и дешнаш. Цу кеппара бен муха кхиор бу вай вешан ненан мотт?
Къамел дац – Аюбана ч1ог1а дика девза юьртан дахар, цигахь бехачеран амалш, дезарш, лаамаш. Муьлххачу а вахархочунах дийца диканиг карадо цунна. Цо дуьйцург вовшах тоьхча – Даймахке безам мичара схьаболало гойту ала мегар ду. Авторо боху вайга: «Ширачу заманера схьайог1у синмехаллаш ларъеш хилий вай?»
Шен Даймехкан патриот ву Джунаидов Аюб -  шен юьртан, шен лаьмнийн, к1оштан, республикин:
«Юьртан ирсах синпха буцуш
Вехаш воцург токхе вац.
Кхиънарг, лаьмнийн йоза доьшуш,
Царах ваьлча, мегаш вац», - боху цо.

Джунаидов Аюбан прозех лаьцна дуьйцуш хилча, юморх лаьцна ца ала йиш йац. Авторо говза, зуламе доцуш, забаре, беламе дийцарш йукъадаладо шен произведенешна. Забар к1оршаме ца хуьлу. Амма и забарш оьрсийн матте гочъян воьлча, церан иралла, хазалла, мехалалла мелла а лахлур йу. Вайна ма хаьий  Хамидов 1абдул-Хьамидан «Бож-1ела» гочйича, ненан маттахь санна хир йоцийла цуьнан юмор.
Нагахь санна шайна синкхача эшахь, Даймехкан хазалла ган лаахь, дика адамаш довза лаахь - Джунаидов Аюбан книгаш еша.
«Ирзера мукъам» книги т1ера масех дийцар нохчийн меттан литературин учебникашна йукъадахийтина, аьлла, хаза кхаъ баьккхира Нохчийн меттан Институтан куьйгалхочо Умхаев Хьамзата. Хьавла мерза ду бахарх цуьнан чам хуур бац и хьавла ца кхаьллича. Аюбан дийцарша Даймехке безам кхоллаболуьйту дешархойн дегнашкахь бахарх г1уллакх хир дац, нагахь санна оцу дийцарийн чулацам бевзаш бацахь. Т1екхуьу т1аьхье кхетош-кхиоран балха т1ехь ч1ог1а г1о-накъосталла дийр долуш ду Джунаидовн дийцарш.
Хан муха йолу а ца хууш д1айелира цу цхьанакхетаралле баьхкинчарна. Массарна а хаза кхаъ хилира дешаран а, 1илманан а министро Дааев Хож-Бауддис дина совг1ат.  Аюба беш болчу белхан лаккхара мах хадош къамел а дина, министро орден елира цунна «Нохчийн мотт 1алашбарна а, кхиорна а» аьлла йолу.
Тайп-тайпана пох1малла долш стаг ву Аюб.  Телехьовсаршна дагадохий хаац,  цо «Поле чудес» передачехь дакъалоцуш ша х1оттийна кроссворд Якубович Леониде д1агайтича, массо а цецвалар. Инзаре говза х1оттийна кроссворд йара иза, Цхьацца мог1а юккъехь а буьтуш йешча, шен цхьа тема а йолш  дийцар хуьлура цунах. Ткъа уггаре коьртаниг Аюбан амалехь дерг – иза оьзда, дог-ойла ц1ена йолш, дика адам хилар ду. Цуьнан тамехь долчу йуьхь-сибате хьаьжча, цхьаммо а цунна 65 шо лур дац. Дахаре хьежар, нахаца йолу йукъаметтиг, деган лехамаш – шадерриг къоначу стеган ду. Иштта бен хуьлийла а дац. Цунна белхан а, дахаран дуккха а  декхарш ду т1едехкина. Уьш кхочушдан дуккха а хан-зама йезар йу. Цундела къаналлин  генахо лела дезар ду цкъачунна…
Лараме Аюб! Аллах1 Дала дукха вахавойла хьо! Балха т1ехь кхин а лакхенаш йахан Дала пурба лойла хьуна.
Хьо лоруш а, везаш а болчу хьан дуккха а доттаг1ийн ц1арах – Барзанукаева Айза