Леонардо да Винчи. Борз

Асламбек Гайтукаев
   Перевод на чеченский язык миниатюры Леонардо да Винчи "Волк"

   Шеконца-а, бай-й ког а боккхуш, варшара арайаьлла йогIура Iемина борз. Иза дIайоьхург – гена доцчу жен хIаваэхь хаалун хьожа йара. Тата ца хазийта, тебна-а йарца буьллура барзо ког. ЖенжIаьлина ша тосайалийта йиш ма йацара цуьнан.

   Вовшашна тIеттIа а хилла Iачу дерстинчу уьстагIех йуьзначу жоьлина йуххе а йеана дIахIоьттира хIара. Ижу йуххехь йара. Цхьа шатайпа мерзачу хьожано, там а беш, мара дIабуьзча, гай йулайелира, корта хьаьвзира берзан.

   Оццу хенахь тIулгах цхьа вон ког тасабелира цуьнан. Даьлла гIалат бахьанехь ша-шена таIзар дархьама, лаьтта нийса ца нисбелла ког цкъа хьала а айбина, йуха цIий а доккхуш цунна цергаш йоьхкира барзо.