Хулхулона тIай тиллар

Асламбек Гайтукаев
   "Мост через реку Хулхулао" (к 30-летнему юбилею книги на чеченском языке)

   2024-чу шарахь 30 шо кхочу йаздархочо Баснакаев Махьмас вайн махкахочух Гайрбеков Муслимах лаьцна киншка йазйина. «О Муслиме Гайрбекове (краткие очерки и воспоминания)» ц1е йолчу оцу мехалчу йозанийн дешхьалхенехь редакторо Ирисханов 1имрана билгалдаьккхина, луьрачу, къизачу тоталитаран рожан хьолехь оцу пох1мечу стеган ницкъ кхаьчна махках даьккхина долу халкъ къоман идеян буха т1ехь цхьаьнатоха, аьлла.
 
   1957-чу шарахь дуьйна шен дахаран т1аьххьара денош т1ех1итталц Нохч-Г1алг1айн АССР-н Министрийн Советан Куьйгалхочун даржехь вара Гайрбеков Муслим. Вай йуьйцучу киншки аг1онаш т1ехь авторо шен турпалхо гайтина – Делах кхоьруш, къинхьегам безаш, нийсонехьа къуьйсуш, г1иллакх-оьздангаллех вуьззина волуш, баккхийчийн, берийн, цомгашчийн, къечийн, массо а г1ийлачун г1олоцуш стаг санна. Тидам т1ебоьдуш ду Гайрбековна нохчийн мотт, халкъан барта кхолларалла, истори йезара, йевзара, аьлла, билгалдаьккхинарг а.
 
   Оьрсийн маттахь зорбане йаьллачу Баснакаевн книжки т1ера цхьа дакъа нохчийн матте гочдина вай:

   "...1961-чу шарахь дара иза. Шела веана волу Муслим а, со а Эвтара ваха новкъавелира. Дукха дог1анаш дахкарна, хи дистина деанера. Хиш дистина дог1учу хенахь районехь йаккхийчех йолчу йуьртаца цхьаьна а тайпана з1е ца хуьлура.

- К1ант, кхузахь даллане а ца долу т1ай ца хилча. Х1ара йурт - нохчаша веза лоруш волчу Баматгири-Хьаьжин жима «Даймохк» бу. Ташу-Хьаьжа, Кунта-Хьаьжа, Баматгири-Хьаьжа, Шаптукаев Докка, Арсанов Дени, Баг1ауди, Элах-Молла и.д1.кх. (Дала къайле тойойла церан) – уьш вайн дозалла, вайн бахам, хазна ларало. Уьш болуш ирс ду вайн... Х1окху хина т1ай хила деза, и хир а ду, Дала мукъалахь. Тахханехь сан ц1арах кехат йазде, ас некъ лур бу цунна, оцу эвлайаан дуьхьа дойтур ду ас кхузахь т1ай. Диц ма де, к1ант, ас цунна, Эвтарарчу 1овдина, цуьнан сийнна лоруш ду и т1ай. Далла а, эвлайаана а, хьуна а хиъчахьана, кхачам болуш хета суна иза.

   Хулхулона т1ай тиллар доьхуш йаздина долу кехат ас шолг1ачу дийннахьехь д1адаьхьира. Кехат Муслимна сихха т1е а кхачийра, цо цунна оьшу некъ а белира. Ах шо а далале т1ай дан долийра. Т1ай дина далийтира, тахана а лаьтташ ду и т1ай, хетарехь, йеххачу хенахь лаьттар а ду..."