Забаре

Абу Исмаилов
ГIалдий-Булдий (забаре дийцарш)

Со хIунда шелло?

Шийлачу Iуьйранна, гIеххьа хьоькхуш дарц ду. Эвла юккъехь автобус яре хьоьжуш лаьтташ бу нах. Кетарш а, курткаш а, палтош а ю царна тIехь. Когахь йовха мачаш йоллушехь чилланан шелоно «хелха буьйлуьйту» цхьаберш.
Оцу адамашна юккъехь билгалволу коьртахь месала куй а болуш, кIайн коч а юьйхина, галстук а йихкина, пхьаьрса кIел лаьцна папка йолуш волу Къуддус.
Юххехь лаьтташ волчу СоIдуллас цецволий хоьтту цуьнга.
– Къуддус, хьуна бIаьсте-м ца яьлла? Шел ца ло хьо оцу цхьалхачу кучаца?
– Со хIунда шелло? – шек воцуш жоп ло Къуддуса, – чухула тужурка ма юьйхина ас.

Къуддусана хилла там

Шен дахарехь цатемаш дукха хилла, декъаза стаг вара Къуддус. Шерачу, нийсачу новкъахь, гуш бахьана а доцуш, ворда тIекIел йолура цуьнан. Газа остйолура, церан котамаша а, «къа-къа» Къуддусана а бохуш, хIоаш лулахойн кертахь дора.
Наггахь ша качвеллачохь, харжамаш бен хан тIекхача йоьлча, кхеран юьртдас, баьччас, Дала вазвина ваийтинчу, цуьнан возаллас ТIуртIас шен реман юккъера къастайой 99 говр а, 1 вир а билгалдоккхура, Къуддус санна болчу пекъаршна сагIийна, олий. Дегабаам а, вас а, цабезам а боцуш, нийсонца и гIуллакх кхочушдан, хIора говрана а, оцу цхьана вирана а цIераш а тохкий, уьш язйина кехаташ хьарча а дой, куйна чу дохкура.
Массарел хьалха тIе воьдий Къуддуса оцу 100 кехата юккъера 1 кехат схьаэцча, цу тIехь язйинарг… (ХIаъ, шу нийса кхетта шуна!)…оцу 1 бен доцчу виран цIе хуьлура. И вир Къуддусана а кхочура.
Иштта декъаза стаг вара иза. Цхьана дийнахь ткъе итт шо хьалха нохчий махках баьхначу муьрехь, хIорш бераш долчу хенахь, кхарах къаьстина, яйна хилла йолу Къуддусан йиша Махьпуз карийна аьлла, кхаъ кхечира цунна.
Берийн цIийнехь хьала а кхиъна, маре яханчуьра цIа  а еъна, шен гергара нах лоьхуш, Къуддус волчу схьакхечира иза.
Махьпузах безамехь, куц долуш зуда хиллера. Башха кIорггера хIилланаш а доцуш, цхьана даггахь, цIена адам дара иза.
Юьртарчу цхьацца хан яьллачу а, ялазчу а наха тIе захалонаш кхехьа а долийна, марехь хилар гIолехь ма дара аьлла, цхьаьнга яхара иза. Ши-кхо бутт балале вукхо цIа яийтира. Вайна юкъара цхьаболчу нехан шалхенаш а, моттаргIанаш а кIезиг хууш, дог-цIена стаг ю аьлла дацахь, кхин бахьана-м дацара и йита.
Цул тIаьхьа кхузза-доьазза маре яхана а, йитина а йолу Махьпуз СоIдуллас йигна. Шен лулахь вехачу ЖаIпаре аьлла хилла цо, и зуда ехаран там-мах бан гIахьара хьо, аьлла. ЖаIпар юхахьа ваьлла.  Шена кIордийна Махьпузан хьокъехь мах-там бан – эцца цхьа итт кийла шекаррий, пхи пачка индийски чай, I0 туьма ахчий, цхьа ши кIадин кийсиг эций, хьуо дIагIо хьо, СоIдулла, тоьар ду хьуна, – аьлла ЖаIпара.
Кхин дан хIума а ца хилла, схьадалийна лаьтташ нускал а долу дела, и пал вовшах а тоьхна, Къуддус волчу вахана СоIдулла.
– Ассалам Iалайкум, Къуддус!
– Ва Iалайкум салам, СоIдулла!
Жимма могаш-паргIат хоттуш соцунгIа а хилла, СоIдуллас дIадолийнера:
– Къуддус, и шун йиша Махьпуз вайн кертахь ю. Цунах сайн сте яйта мукъ белан ахь?
– ХIун дийр ду? Хьуна иза магахь…
– Мегар ю. ХIара кIади, шекар, чай, I0 туьма ахча ду хьуна.
– СагIа хуьлда! – аьлла Къуддуса.
– СагIийна ца деъна хIара. Томана деъна! – нисвина иза СоIдуллас.
– Делахь суна там хилла-кх! – элира бохура Къуддуса. 




Локхаллех дерг аьлча

– Шун йиша маре яхана ма боху? ХIун стаг ву хIара, хьенан ву? – хаьттинера Болатбис шен лулахочуьнга Боьршиге.
– Хаац суна-м. Схьадийцарехь хьалдолуш а, каде а борз ю боху. ДегIана со санна лекха а волуш, – лаккхар охьа шен гIодъюккъе бен ца кхочучу Болатбига хьаьжнера Боьршиг.
– Лекха хиларх-м нах ца хуьлура царех, – куьг ластийнера Болатбис.


Саьрмикан маIа а, декхар а.

Сарахь суьйренца юьртан пхьоьханахь гулбелла Iара баккхий нах. Шайна мацах шаьш бераш долчу хенахь хьалхалерачу баккхийчу наха дуьйцуш хезнарш а, шайна гинарш а, ганза дерш а дуьйцуш, кар-кара оьцуш, къамелаш деш а, зама токхура цара маьркIажан хан хиллалц.
Шен рогIехь къамел долийра Карсин Ойбас:
– Вай цIера дахале ткъех шо хьалха цхьана дийнахь Анса ирзе мангал хьакха ваханера со. Хаза Iуьйре а яра. Малх лаьмнаш тIехьара гучубалаза а болуш, тхино хечий когаш а дашийна, цхьа безамехь хьалаяьлла гIодаюккъец йолчу бацалахь мангал лестош, шуьйра кес доккхуш вогIура со.
ЦIаьххьана, хьалха дIахьаьжначу, суна хааделира, и хаза ирахь лаьтташ йолу буц дIаса лестош. ЛадоьгIча цхьа шар-шир а хезара. Дог детIи сан, хьо хIун дан воллу! Охьайижна буц хьакха хала ма ю. Сайн мангал лаьтта ирах а боьгIна, дIахьаьдча, суна гинарг ма гойла вай веччана. И безамехь лаьтташ йолу буц дIайижош, схьайижош текхаш схьабогIуш саьрмак бу-кх. Корта цхьа метр хиллал айабелла бу. Бага гIаьттина ю. Хье юккъехь ирхъяхна ши ге хиллал маIа а ю. Мерах шок а етташ тIегIерташ бу-кх даватIарг. Бохалла ткъе итт дол хиллал беха а бу. Сайн оьгIазваханчу, ас тIекхетта и маIа схьалеци цуьнан. Корта аркъал а саттийна, дIасахьаьжи со. ДIанехьо Iуьллуш болу цхьа тIулг схьа а эцна, оцу цуьнан йовхачу муцIарх и тIулг бетта волавелира со. Ша эра бож санна Iоьхура иза ерриг а хоти Iадош. И тIулг биттина цуьнан са дIа а дахийтина, охьахиъна жимма са а даьIна, со хьалагIаьттича, малх а гIушлакхе бели, тхи а дуьйжи. Кхин дIа мангал хьакхар а эрна ду аьлла цIехьа вирзи со. Айса хьала йигинчу говран нуьйран гIонжагIах и саьрмикан маIа дIа а тесна, иза а текхош цIа веара со. Тхан кетIахь лаьттинчу, хIинца-м иза стелахьаьштиг а кхетта баьгна дIабаьлла, хьуьнан кхуран буьххьерчу гонах хьалаоьллира ас и саьрмик. Цуьнга хьийса нах а оьхуш цхьана-шина дийнахь кхезира иза цигахь, тхан дена Карсина цунах ян йолаелла хьожа тосаяллалц. И боьха хьожа стенах йогIу шена хиъча, чукхоссавелла суна шен карара Iаса а етташ, тIаьхьавелира иза.
– НаьIалт хила оцу хьан уккална. Ахь ца лелийна, хьан лелор дара иза. ДIабаккха и саьрмик гена! Лаьттах болла иза!
Ас цхьа ор а даьккхина лаьттах боьллира и саьрмик…
Ойбас шен дийцар чекхдаьккхинчул тIаьхьа мелла а тийналла лаьттира пхьоьханахь. Цул тIаьхьара шен дийцар долийра Саьлмирзин Мохьмада:
– Дала гечдойла цунна, вай луларчу НIаки-кIотарара Чхьонкар вара суна декхарийлахь. Кхо шо хьалха кехатех ловзуш кхузткъа туьма ахча дисинера цуьнгахь схьадала доцуш. Цхьа хан  яьлча, оцу кIотарара а вайнера иза, ала вахана меттиг а ца юьйцуш.
Сайн даьхни цIадерзо аравелира со и къонах лоьхуш. Бевза-безачаьрга а, аренаш идочаьрга а тIекаре  вуьйлуш лийлира со цхьана шарахь сов айкхаллина итт туьма а диллина. Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча айкхо хаам бира: сан Чхьонкар Михалскехь Iаш ву, аьлла.
Вахана Михалске со дIакхаьчча, эвла йистехь цхьа юьйцина бун а йина, Iаш карийра суна иза. Цуьнан керт а, бун а, чуьра сал-пал а йоьхкича а, сан декхар меттахIуттур долуш дацара. Оццул мах лур бацара цу декъазчу бахамах.
Кхин цу Чхьонкарна  дан хIума а ца хилла, иза  хьалха а ваьккхина, оцу юьртара цхьа совдегар волчу вахара со.
– ХIокху стагах хIун лур дара ахь? – хаьттира ас шен туьканаш а, лабазаш а йолуш вехачу гIалгIазкхичуьнга. Иза ца кхеташ цецваьлла хьаьжира соьга.
– ХIара стаг суна ткъе итт туьма дала дезаш ву. Кхуьнан и ахча дац, кхунна тIаьхьалела кIордийна суна. И ткъе итт туьма ахча ахь суна схьалахь, ас хIара Чхьонкар хьуна вухку. Хьайна ма луъу вацор ву ахь хIара.
Куьг куьйгах тоьхна мах а бина, и накъост гIалагIазкхичунна вохка а воьхкина, сайн декхар духа а дерзийна, цIа веара со – аьлла, чекхдаьккхира Мохьмада шен къамел.
ЛадоьгIуш берш шек а бацара. Царна хийла хезнера цул а инзаре хIуманаш.
– Делан вазлора дац и бакъ! – ирахкхоссавелира Карсин Ойба. – Дийна воллушехь стаг муха вухкур ву?
– ВаллахI Iазимор ду-кх и-м бакъ, – элира Мохьмада – Ахь саьрмик бер бакъ делахь, ас Чхьонкар вохкар а ду-кх хьуна цIена бакъдерг.


Вай цхьаьна доккху долчу Iаьнора.

Мацах цхьана гуьйренан ткъевнечу сарахь хьаша воьссина хилла СоIдуллин хIусаме. Хьешан цIе Iузайра хилла.
ХIусамдайша дика лелош хилла Iузайра. Шина-кхаа дийнахь уьстагI а баийна, кхийолу бес-бесара юургаш а  кечйина. Цул тIаьхьа, кхо де-буьйса даьлча, хьаша хьошалара ваьлча, шаьш даима а бууш хилла болу муьста берам а, сискал а хьалхахIитто йолаелла хIусамнана Хьасипат.
Iузайра, ша кхеран хIусамехь хьалакхиъна доьзалхо волуш санна, паргIатваьлла, наггахь кхарна дан дезарг а хьоьхуш Iаш хилла. ДIавахар-м хьахош а ца хилла кхо, ломал дехьа ваьлча, лаьтташ шен юрт йоллушехь.
Хьаша кIордийна хIусамдайшна. Цуьнца эвхьаза бовла а ца лууш, и новкъа ваккха хIун бахьана карор дара-теша бохуш, ойланаш а йина цара.
Цхьана сарахь пхьор диъна а бевлла, луьйш-олуш хIорш Iаш, къамелехь къовсам баьлла хьешан а, хIусамненан а. Мацах цкъа хилла долу хIума ишта дара хIусамнанас аьлча, дацара, вуьшта дара хьешо аьлла.
– Ахь кхана арабоккхур болчу некъора дара иза иштта, – аьлла хIусамнанас.
– Вай цхьаьна доккху долчу Iаьнора дацара и ишта-м, вуьшта дар-кх,  – аьлла, дог диллийтина хьешо.


Там-текъамах лаьцна

Мацах цхьана эвлахь ша вихкина йолу бахтарш а, тIийригаш а хадийна ведда эвла юккъе ваьлла хилла цхьа са аьрта болу стаг. Иза-м боккъал а хьераваьлла ву аьлла, наха зуламе ца валийта вихкина а хилла, меттигерчу Iеламнаха жинашца тайна ву, аьлла. Вай вуьйцучу делан мисканан цIе Довлтмирза хилла.
Ша мукъаваларх ца тешаш, воккхавеш, карзахваьлла вогIу иза вахана эвларчу хьуьжарчу иккхина. Цуьнан цхьана буйнахь боккха кIорабIелиг а, вукху буйнахь мекхайоьллачу эчиган дакъа а хилла.
Юх-юха а олуш, бIаьргаш дIа а хьаббина, «Табат яда» Iамош дохкуш хилла ханна ворхIшарера пхийтта шаре кхаччалц долу божабераш. Оцу мутIаIеламашна хьалха шен карара и кIорабIелиг а, мекхайоьлла эчиг а охьа тесна хьешо. Массо а бер а, хIара вовза а вевзина, цецдевлла хилла. Уьш гIеххьа кхера а белла.
– ХIокху шина хIуманан маьIна дан деза аш. Ца дахь…! – аьлла, вон бIаьргаш къарзийна Довлтмирзас.
       Чохь тийналла хIоьттина. Цхьа хан яьлча, и тийналла тIех яхъялайоьлча, оцу мутIаIеламех уггаре маттана шера а, хьекъална ира а волчу цхьамма элира боху:
– Суна хетарехь хIокху шина хIуманан маьIна иштта ду: хIара кIора санна Iаьржачу буса, Теркал дехьа а вуьйлуш, хIара санна долу болатан тур а лестош, ахьа схьакхуьйлуш реманаш а, даьхний а ду. И даьхни ахь буоберашна а, жерошна а сагIийна дIало иштта ду-кх хIара…
– Хьажал, хьажал! Дукха ца хууш туьдий! – реза хилла Довлтмирза.
      ТIаккха хьаша ша аьллачунна тIетайна, жимма майра ваьллачу мутIаIелама аьллера:
– Довлтмирза! Хьоьга хатта а мегар дарий цхьа хIума?
– Мегар ду дера! – аьлла кIадвеллачу хьешо.
–  Там-текъам бохург а, сом-ком бохург а хIун ду? – хаьттина кIанта.
– И бохург дера ду, – аьлла Довлтмирзас, жимма ойла а йина, – нагахь санна цхьана наха шайн кIантана зуда ялийча, и гIуллакх дIадерзош, йоьIан гергарчара аьллачул а совдоккхуш хьош долчу хIуманах там олу. ЦIетоьхна ахча а, хIумаъ ца тоьъча, лула-кулара а, гергарчаьргара а орца а доккхий вовшахтухуш   болчу полах текъам олу.
Ткъа, сом бохург – сом ду.  И ком бохург ша ах сом дацахь суна-м ца хаьа хIун ю а, – аьлла жоп деллера хьераваьллачу Довлтмирзас.

Говраш хахкар

Мацах, Миклай паччахь волчу хенахь, бIонекъаца йолчу цхьана эвлахь вехаш Iаш хилла ши ваша. Церан цIераш IаддаргIий, ДIаддаргIий хилла.
Воккхаха волчу IаддаргIин ши йоI хилла. Жимаха йолу Замза башха куц долуш, хьаъа а ехна а, ядийна а маре юьгур йолуш, безамехь йоIстаг хилла. Ткъа йоккхаха йолу Хазбат, хецна ворда а къаьхкар йолуш, ирча хилла, цул сов маттаца а, боларца а толкха хиларна цхьамма а маре йигарна кхерам боцуш, дений-нанний шех сингаттам а, дегаIовжам совбохуш схьайогIуш хилла.
Цхьана дийнахь шен воккхаха волу ваша волчу веъна ДIаддаргIа. Куьйга корта а лаьцна, гIайгIане воьжна Iаш карийна цунна IаддаргIа.
– ХIун хилла вайна? Хьо ма чIогIа холчохь ву? – дуьхе кхиа гIоьртина ваша.
– Деллахь, кхин хIуммаа дац. ХIокху чуьрчу оцу берийн ойла йора ас-м. И жимахъерг-м цхьана нехан цIен тIе яхана дIатарлург хир яра. И йоьхуш-м хIинцале а нах бевллера. Цхьаммо а тергал ца еш, цIахь юьсур йолчу оцу йоккхаха йолчух къа хета-кх, – шен бала балхийна вашас.
– И маре муха яхийта еза-м суна хаьа хьуна – аьлла жимаха волчо.
– Муха?
– ТIедогIучу кIирандийнахь говраш хахкар кхайкхаде, тоьллачунна совгIатна йиллина йоI ю, алий. Кирхьан тIехьа йоккхахъерг хIоттор ю вай…
…КIирандийнахь эвла йистехь говраш хохкуш, хьуьнарш къовса гулбелла АтагIара а, ГIойтIара а, Дуби-эвлара а, ЧIишкара а кегийрхой. Багатийсинчу дирстанийн архашца гаьллаш юха а ийзош, челакха дой нуьцкъаша сеца а деш, цхьана меттехь го туьйсуьйтуш лаьттачу, береша, шайн шеконаш ястархьама, цхьа бер дахийтина дIанехьо кирхьана кIелахь лаьтташ йолу IаддаргIин йоI муьлхарниг ю, хьажа, аьлла.
– Хазбат ю! Хазбат ю! – аьлла гIугI даьржина дошлошна юккъехь.
– Юхаузу-у-уш яхийталаш, хьалха ца довла хьовсур вай, – бохуш, бевза-безачара вовшашка къайлах хаамаш беш а хилла.
Иштта хIорш лаьттачу хенахь, ламчуьра Соьлжа-гIала цхьацца баккхал эца воьдуш волу, цхьа СоIдулла кхаьчна царна тIе.
– Ассалам-Iалайкум!
– Ва Iалайкум салам!
– Шу хIунда гулбелла?
– Дой хохкуш бу тхо. Тоьллачунна диллина дIо кирхьан кIелахь лаьтташ долу нускал а ду, – аьлла кегийрхоша. – Схьа юкъавала и хьайн таьлсаш охьадахкий! ЙоI къовсур вай! Дин маса болчо шен хIусаме нускал а дуьгур! – бохуш, хьаша йохье вохуш гондахьа хьийзаш хилла дошлой.
– Хьажал цу говран кхесе, цуьнах ирхдогIаделлачу лергашка, цо къерзочу бIаьргашка!
– Цо синтем боцуш еттачу бергашка!
– Дера бу берзан йорт йолчух тера-м!
– Кхуьнца къовсавала ваьхьар а вуй?
– ХIун деш лаьтта хьо? ДIахIотта могIаре!
Оцу гIовгIано а, говрех хьалагIуьттучу Iаьнаро, дIогахь кирхьан кIелахь, кIайчу мархашна тIехьа къайлабаьлла малх санна, лаьттачу нускало а, цунна уллохь лоькхучу пондаро а, еттачу жиргIано а, кегийрхоша дечу хелхаро а, шайтIанан пхьоьхано санна Iехийна, тилийна корта дIа а баьхьна, ша хIун леладо а ца хууш, оцу гонна юкъавахара СоIдулла. Цунна дика хаьара, шен къанъелла алаша оцу дойшца къийса де доцуш юйла. Делахь а, хIуммаъ дац, цхьаъ бен хьалха вала йиш яц, тIаьхьабисинарш дукха хир бу. Иза йоккха юьхьIаьржо а яц, аьлла кегийрхойн могIаре дIахIоьттира хьаша.
Царна хьалхахула шен говрахь дIасаволавелира човс волу Iаббаз.
– ХIан-хIане, кIентий! – мохь туьйхира цо.
– Вай тахана стенна гулделла, аса ца дийцича а, шуна хууш ду. Дой хахкаран йохьаллехь. Тоьллачунна йиллина IаддаргIин йоI ю. Нускал, шуна ма-гарра, кийчча лаьтташ ду. Мах бан валийна Iаш молла ЖаIпар а ву хьуьлла жижиг-галнаш дууш Iаш. Ткъа шу, шу кийча дуй? – цIаьххьана аз ойуш мохь туьйхира Iаббаза.
– Ду-у-у! – аьлла моггIара дIабахара кегийрхоша дуьхьал тоьхна мохь.
– Делахь, хIета, ши го баккха беза, шуна. Ас хIара тапча йожошшехь дIалелхар ду шу, – аьлла, юьстах а ваьлла, хIаваэ хьала а хьажийна шен карара тапча йожийра човса.
     Латта дега а деш, маьхьарца, гIовгIанца дIатилира дошлойн тоба. Шина агIор дIа-са  а  таьIна,  береша, шуьйра некъ буьтуш, хьалхахьа таIийтира СоIдуллин алаша. Жим-жима юхаузуш, шайн дой тIаьхьа дита буьйлабелира йоI муьлхарниг ю хууш болу кегийрхой. Цара лелочух шек а бевлла, шайн дой кхоо буьйлабеллера, гондахьарчу ярташкара кIентий а. СоIдулла цара лелочух ца кхуьура. Шена кIелара алаша, цхьа тамашийна дегI дайделла, болар маса даьлла, тIома яла гIерташ санна, хьалхахьа гуш йоцчу цхьана Iалашоне кхача сихъелла йоьдуш хааелира цунна.
    Хаххъаьлла, белш шоръелла, мекхаш хьаладирзина, бIаьргаш чохь цIе летта, ша Iаччохь вула а велла вогIура СоIддулла, дагахь а доцуш нислуш лаьттачу аьттонна а, толамна а дуьхьала. Юхахьаьжча, кхуьнан алашин цIоганна тIе батт йиллина йогIуш кхо-йиъ говр яра, царна жимма тIаьхьа йиснера важаерш. Ткъа кхулла хьалха а, я кхуьнца нийса а вогIуш цхьа а вацара, тохара хIорш буьйлалуш кхаьрца схьадедда, хIетахь дуьйна кхуьнца къуьйсуш  «гIалх» деш, дедда догIу цхьа къорза иэр доцург. ЖIаьла-м кхунна башха новкъа а дацара...
      ШолгIа го чекхбаьллачул тIаьхьа говр цIаьххьана сацор дика ца хеташ, кхин жимма некъ бира СоIдуллас. Цул тIаьхьа говр юха а ерзийна пхьоьханна тIеяхийтира.
– Хьаша туьйли!
– Нускал хьешан ду! – маьхьарий деттара наха.

***
     Иштта цIаьххьана кхаж а баьлла, нускал а далош цIа веънера СоIдулла. ЦIахь, кирхьа дIа а даьккхина, нускалх бIаьрг тоьхначул тIаьхьа, ара а ваьлла, шен алашина шед етта волавелла бохура бере.
– Хьо баа докъунна тIе. Эвла йистехь шинаршна тIаьхьа а ца кхуьуш, хилла болу хьо, ма чIогIа маса баьллера цу дийнахь, – бохуш, чехийнера СоIдуллас шен гуьнахь доцу алаша.