Вайн заманхой Цхьажимма нохчаллех лаьцна

Айза Барзанукаева
Зама хийцаелла, олуш, хеза вайна кест-кеста.  Ткъа оцу заманах хоттаделла, оцу  заманан васт кхуллуш дерш вай дац? Зама шашаха хийцалуш хуьлийла ма  дац. Цхьацца сибаташа  бен гойтий  х1ора заманан юьхь?  Вай 21-чу б1ешарахь дехаш дуйла хоуьйтуш а ма яй шен цхьа билгалонаш. Масала,  «искусственни интеллект» боху  юкъадаьккхина х1ума а, интернетан яккхийра   таронаш хилар а,  ядерная медицина юкъаялар а.
Замане хьаьжжина дахаран хьелаш а,  т1ера духар а, вовшашца йолу  юкъаметтигаш а хийцалуш хиларх а кхета вай. Кхечу кепара хуьлийла а дац. Вайх доьзна а доцуш, дахаран хьал ду иза. Вуьшта аьлча – дахаран кеп, дахаран закон.
Амма мел ч1ог1а 1ер-дахар хийцадаларх, вай нохчий долчара д1адовлуш дац.  20-чу б1ешаран шолг1ачу декъехь кхиъна сан хенарниш. Кегийчарна гуттар а лиъна т1ера бедар хаза а, иза «модица» йог1уш  хила а. Мел ч1ог1а тхо «модина» т1аьхьаидарх, тхо миччанхьа кхаьчча а нохчий дуйла хууш хуьлура. Цу хенахь кегийнах,  йо1арий санна,  цу «моданах» «цамгар» кхетта а бацара. Уьш нохчийн к1ентий буйла хаьара. Т1ера духар оьзда хиларал совнаха, церан лелар, д1ах1оттар, вовшашка салам далар, къамел дар – шадерриг  къоман г1иллакхашца дог1уш дара. Аса ца боху,  тахана иза кхоччуш д1адаьлла. Долийла а дац! Амма хьастаг1а «З1енан салона» чохь  ткъех минот айса йоккхуш, цига баьхкина суна гина болу кегий нахана юккъехь цхьаъ бен ца велира «иза нохчо ву» аьлла ойла кхоллайолуьйтуш верг. Бакъдерг дийцича, ирча сурт дара гуш дерг. Не1 а йиллина, чувог1уш д1ахьаш долу болар, д1ах1оттаран кеп, бухарчаьрга  салам луш куьг кховдор-дег1 саттор, багахь 1уьйшуш долу сег1аз… Ткъа уггар ц1арматниг – духар! Аса ца боху царна т1ехь г1овталш я холхазан куйнаш хила деза. Царна т1ехь кху заманан джинсаш а, футболкаш а яра. Когийн хьорканашна т1екхочуш-ца кхочуш йолу и джинсаш цара т1е муха йоьхна-те сел гаттий йолу, бохуш, цаьрга хьоьжуш 1ийра со. Голел лакхахьуо цхьажимма галпи  сурт а х1уттуш, голел лахахь зударийн пазат санна т1елетта а йолш, тайп-тайпана беснаш долш яра уьш, салтийн къорза духарх терниг а т1ехь. Цхьаммо - коьрта тиллина аьлча нийса хир дац – коьртана меллаша т1ехаийна буьйцина бовха куй, момсар санна, ирх бахана а болш. И сурт гуш 1аш йолчу суна дагатесира: ма дика ду х1ара кегий нах дукха лекха боцуш а, кхеран дег1ан г1ад стомма доцуш а, х1унда аьлча, церан «ц1ап» аьлла т1елеттачу духаро дукха ирча сурт гойтур дара.
 Хаддаза багахь 1уьйшуш долу сег1аз д1а а ца доккхуш, деш долчу къамелаша гойтура кегийчеран  шашаха кхолладелла долу  исбаьхьаллин васт. Вайн заманан «турпалхойн»  сурт дара гуш дерг. Цу тайпана  болчу кегийнахах лаьцна х1ун  боху-те дино? Х1унда аьлча, дино ма-бохху, вайн мехкарий хиджабаш а йоьхна бу, ткъа царна дахарехь карон безаш болчу  к1ентийн   духар церачуьнца ца дог1у…
Кегийчу нахе хьоьжуш 1ийра со, кинохь санна. Со-м йоккха елахь а, кегийчарех кхетар йоцуш а яц, я царех кхаьрдаш а яц. Аса царна бехк а ца буьллу. Айса ткъе итт шарахь гергга школехь болх беш тайп-тайпана бераш гина а, церан синлаамех кхета а г1иртина со. Ткъа  оцу суьйранна сайна гинчаьрга ч1ог1а луур дара цхьа хаттар дан:  шуна х1ун  хаьа НОХЧАЛЛА бохучу  дешан маь1нех?  Мел боккха мохь бу оцу дашо къонахчунна т1ебуьллуш берг?  Х1ун билгалонаш ю  НОХЧАЛЛА д1аяларан?