Ромеой, Джульеттий

Абу Исмаилов
Шекспир Уильям

Ромеой, Джульеттий

Пхеа декъехь  трагеди

Оьрсийн маттера гочйина Исмаилов  Абус





Дакъалоцурш:

Эскал, Веронин эла
Парис, элин гергара стаг
Вовшашца мостагIалла долчу шина цIийнан дай:
Монтекки
Капулетти
Ваша Капулетти
Ромео, Монтеккин  воI
Меркуцио, элин гергара кIант, Ромеон доттагI
Бенволио, Монтеккин вешин кIант, Ромеон доттагI
Тибальт, Капулеттин хIусамненан вешин кIант
Францисканцийн мозгIарш:
Ваша Лоренцо
Ваша Джованни
Балтазар, Ромеон ялхо
Капулеттин ялхой:
Самсон
Грегорио
Петр, Джульеттин кхобурган ялхо
Абрам, Монтеккин ялхо
Аптекахо
Кхо пондарча
Парисан, хьадал
Хьалхара гIалахо
Капулеттин хIусамнана
Джульетта, Капулеттин йоI
Джульеттин  кхобург
Веронин бахархой, шина а цIийнан  гергара божарий а, зударий а.

Веронехь а, Мантуехь а ду хуьлушдерг

Дешхьалхие

Чоьхьайолу йишлокху тоба:

Веронехь, хиламаш гойтучохь вайна,
Ши доьзал, цхьабосса лараме болу,
Бертазчу  къийсамехь, синтем а байна,
ЦIий Iиенош, шаьш вовшийн хIаллакбеш боллу.

Вовшашна диезаш ду хIусамдайн  бераш.
Новкъарлонаш царна йо кхолламо.
И шиъ дIакхалхаро сацадо девнаш.
Дерриг а дерзор ду шина хIолламо.

Цу шиннан дахар а, биезам а,  кхалхар,
Коша тIехь  доьзалийн машар  а хуьлу –
Дерриг а шина сохьтан дохаллехь далхош,
Ма-дарра  ас тховса  шун кхиеле дуьллу.

Къинхетамбе, гIийла хиларх сан йоза –
СуртхIоттор а ма ду,  хиларг  гIуоза.

Хьалхара дакъа
1-ра сурт. Верона. Майда.
Гучуволу Капулеттин ши ялхо: Самсон а, Грегорио а.

Самсон
Грегорио, вайх уьш  кхардор бац  вайшимма.
Грегорио
Ахь  хIун дуьйцу! Мелхо а со суо ву хьаннах а кхаьрдар волуш.
Самсон
ОхьатаIор бу вай уьш!
Грегорио
Вай бехкен ца хуьлуш, чекхдовлалахь дика хир дара.
Самсон
Карзахваьлча, сецо хала ву со.
Грегорио
Хьо карзахваккха-м атта дац.
Самсон
МонтеккигIеран йовссарш гушшехь, цIий кхехка долало сан.
Грегорио
КIежъяьккхина шура санна, водур ву хьо.
Майраниг бугIа санна дуьхьал гIоьртина лаьтта, меттах ца волуш.
Самсон
МонтеккигIеран йовссаршна дуьхьалваьлча, юхавервац со.
Уьш массо а  дамардарц деш хьакхор ву.
Грегорио
ЧIогIа дарц ду хьо!
Самсон
Цхьаъ ца вуьтуш, массо а. Со-м  дикачу дилхалахь вай.
Грегорио
Дика хьаха ду, хьох чIара  ца хилла. Сихло, мичахь ду хьан тур? МонтеккигIерачарах шиъ ву схьавогIуш.
Самсон
Тур баттара даьккхина ду. Човхаве и шиъ, ас гIодийр ду хьуна.
Грегорио
И бохург хIун ду? Муха! Кхера а велла, водуш ву хьо?
Самсон
Сан гIайгIа  бан ца оьшу.
Грегорио
Ца бича болий тIаккха!
Самсон
И шиъ марсавоккхур ву вайшимма. Цу шимма дов дIадоладахь, вайшиъ бехказа  а волуш, бакъо вайгахь хир ю.
Грегорио
ОьгIазе бат а сеттош, царна юххехула тIехвер ву со. Цара хIун до хьовсур вай.
Самсон
Ас, царах ца вешаш, сайн куьйгийн мIара Iуьйшур ю. Бист а ца хуьлуш, цара и магийтахь, сийсаза хир бу уьш.
 
Гучуволу Абрам а, Бальтазар а
Абрам
Накъост,  тхох ца вешаш Iуьйшуш-м яц хьан и мIара?
Самсон
Накъост, сайн йолу дела Iуьйшу ас мIара.
Абрам
Накъост, и мIара тхох ца вешаш Iуьйшуш юй хьан?
Самсон
(аз лахдеш Грегорио волчухьа) Ас и бакъдеш жоп делча, вайшиъ  нийса хир вуй?
Грегорио
(аз лахдеш Самсоне) Маггане а мегар дац.
Самсон
ХIан-хIан, накъост, шух ца вешаш дац ас дийриг. Сайн мIара Iуьйшуш ву со.
Грегорио
Накъост, хьо довдаккха гIерташ вуй?
Абрам
Накъост, сой? Вац, накъост.
Самсон
Шу лата лууш делахь, со кийча ву шуна. Шуьнчарал ледара боцчу нахехь гIуллакхдеш ву со.
Абрам
Кхин гIолехь а боцчеран.
Грегорио
( Самсоне а воьрзуш, гучуваьла волу Тибальт а гина)
Вайнчеран гергарниг а ву вогIуш.
Самсон
ГIолехь болчеран, накъост.
Абрам
Харцлуьйш ву-кх хьо!
Гучуволу Бенволио

Самсон
Шаьш нах делахь, лата тхох!
Грегорио, гайтал царна хьайн туохар.
Лата буьйлало

Бенволио
Герз дIадаккха, дIасакъаста чехка!
Шаьш лиелочух кхеташ доцу тентакш.
(церан карара тарраш  схьадоху)
Гучуволу Тибальт

Тибальт
Муьжгашца къуьйсуш, сий ца дойуш герзан,
Бенволио, хьайн Iожалле схьаверза!
Бенволио
 Машар оьшу. Хьайн тур батта дилла.
Я цхьаьний уьш къастабе вайшимма.
Тибальт
Хьой, шун массо Монтекки а санна,
Дезаш вац со «машар» боху дош.
ДIа ца къехкаш, лата хьо, хIай кIилло!

Вовшех лиета
Гучубовлу шина а цIийнан  векалш. Лата буьйлало уьш. Цул тIаьхьа гучубовлу жамбалташ а, чхьонкарш а карахь гIалахой.
 
Хьалхара гIалахо
ТIетуоха хьокхий, чхьонкарш, ца кхоош!
Монтекки Капулетица цхьаьна охьаата!
Гучудолу: чохьлелочу обанца волу Капулетти а, цуьнан хIусамнана а.

Капулетти
ХIара хIун гIовгIа ю? Мичахь ду сан тур?
Капулеттин хIусамнана
Iаса кховдае цуьнга! Туьрах хIун до кхуо!
Капулетти
Схьало сан тур! МонтеккигIар бу,
Сан уьйтахь суна тIе герз кхийдош.
Гучудолу: Монтекки а, цуьнан хIусамнана а.

Монтекки
 Хьо, Капулетти, хьараме стаг ву! Витахь со, зуда!
Монтеккин хIусамнана
 Лиетачарна юххе вогIуьйтур вац!

Шен накъосташца гучуволу эла.

Эла
Вежарийн цIий Iенош, эчиг бехдина,
Тийналла йохийна, шу  ямартхой!
Шайн кийрахь къизалло латийна алу
Йойъу аш пхенашкара цIийн Iовраш Iанош,
Адаман сибатехь акхарой ю шу!
Со хьаьнга луьйш ву? Iазапах а ларлуш,
Сийсазчу карара охьакхийсса герзаш.
ЛадогIа  шайн элин  лааме.
Вовшийн дешнаш кегдеш, доцуш кхин бахьана,
Аш КапулеттигIара МонтеккигIаьрца цхьаьна
Девнашца бохийна кхузза урамийн синтем.
Шайн аьрта жамбалташ, гIийлачу куьйгашца къуьйлуш,
Шун шира мостагIалла дIадаккха гIиртина къаной.
Кхин цкъа шу тасалахь вовшех,
Шайн синошца жоп лур суна.
Дасадовла хIинца. Хьо, Капулетти,
ДIавуола  соьца. Монтекки, хьо
Сарале со волчохь хилалахь.
ДIасадовла, шайна хIаллакьхила ца лаахь!
Монтекки а, цуьнан хIусамнана а, Бенволио а воцург,
массо а къайлаволу.
Монтекки
Юха а хIара дов долийнарг мила вара?
Алахь, Бенволио, хьуна гирий и?
Бенволио
Вайн а, церан ялхой лиета бевли.
Воллуш  вара со уьш дIасакъастош.
Аьрха Тибальт эццахь гучувели,
Коьрта тIехула шен тур а лестош.
Лата, бохуш вохура со йоьхьие.
Цавашарца хьоьжура со дуьхьал.
Лестош  дара тарраш охашимма,
Орца даьлла, адам гуллуш жимма.
Элас веъна лиетарш дасакъастий.
Монтеккин хIусамнана
Мичахь ву Ромео? Гиний хьуна?
Кхузахь варий иза?  Вуй лазонза?
Бенволио
Малх чубуза герга болчу хенахь,
Малбалера кораш дешех догуш,
Сагатделла, некъбан дагадеъна.
Араваьлча, кевнехь суна гира
Шун кIант, вара иза жерахь лиелаш
Малхбузерчу кевнехь. Со а гина,
Сихвелла цигарчу боьлакехь
И къайлавелира.Новкъарло а ца еш
И цигахь витира ас.
Монтекки
Цигахь и кест-кестта Iуьйренца гина,
Бай тIерачу тхиналахь лиелаш.
Амма, малхо дуьне дохдан доьлча,
Сан кIант гIийла цIехьа вогIуш гуора.
Шен тийначу хьуламехь шаршуца бода а бой,
Къайлаха цуо бала хьоьгу.
И бода цуо хIунда лоьху?
Мел лаарх, ца кхиета со.
Бенволио
Ваши, хIун бахьана ду, ца хаьа хьуна?
Монтекки
Ца хаьа, мел чIогIа лаарх.
Бенволио
Ахь цуьнга хаьттиний?
Монтекки
Хаьттина дера! Ас а, цуьнан доттагIаша а.
Ца дуьйцу цуо. Къовлавелла массо а агIора,
Эсаро човхийча, маьлхана хьулделла
БIаьстенца туьркан заза санна.
Сайна хиъча, хIун бахьана ду,
Цуьнан синан бала байбан, дарба
ХIуъа дина лохур дара ас.
Гучуволу Ромео

Бенволио
ВогIуш ву и. Хоттур ду ас цуьнга.
Цуо шен къайле соьга йийца мега.
Монтекки
ДIагIо вайша, зуда.
И шиъ шаьшшиъ вуьтуш.
Монтекки а, цуьнан хIусамнна а къайладолу.

Бенволио
Iуьйре дика хуьлда хьан, Ромео!
Ромео
Iуьйре ю хIара?
Бенволио
УьтталгIа сахьт ду.
Ромео
Сингаттаме сахьт ма деха ду!
Сан да варий и хIинцца дIавахнарг?
Бенволио
ХIаъ, хьан да вара. ХIун сингаттам бу,
Ромео, хьан сахьташ сел дахдийриг?
Ромео
Уьш сихдан суна хьан гIо дийр ду?
Бенволио
Безамах хьоьгу?
Ромео
ХIан-хIа.
Бенволио
Йиезий хьуна цхьан а?
Ромео
ХIаъ.Безаман гIайгIа ю, са дууш сан.
Бенволио
И тIехьаьжча эсала хиета безам,
Дуьхие кхиъча, чIогIа къиза хуьлу!
Ромео
Ша и хиларх бIаьрзие, хаьа цунна,
Мичахь боллу лазамие синпха!
Мичахь дуур вай? Оццул дукха цIий!
Суна хезна: аьхналла, цабиезам
Ший а цхьабосса хуьлуш хилла къиза.
Ший а цхьабосса цIаьххьана гIаьттинчу,
БIаьрзечу ницкъийн цIеран ало ю.
Эрна гIайгIа, сина деза ловзар,
Тайначу суьртийн, карзахъялла тоба,
Шийла дагар, валар санна гIора,
Набарал а чIогIа тийна тхьовсар.
Иштта бу-кха ша а, тIулг а санна,
Суна бале баьлла болу биезам.
Воьлуш-м вац хьо?
Бенволио
Вац. Воьлхуш ву.
Ромео
ХIунда, доттагI?
Бенволио
Хьо воьлхуш хиларна.
Ромео
Диканца вуон юхаъ цхьаьнадогIу!
Суна сайн бала а ма тоьура.
Хьан гIайгIано лазаво со чIогIа,
Бала алсамбоккхуш сайн дагчуьра.
ХIун ду – биезам? Хьерехилла корта.
Буохамах  ца ларлуш, цIарца ловзар.
Шех цIе летта бIаьрхих буьзна хIорд а,
Ларамзаллин дуьхьа ойлаяр,
ДIовш а, дарба а цхьаьна киегадар.
Со дIавоьду, доттагI, марша Iойла.
Бенволио
Собардехьа, хьо ма сиха ву.
Долийнчара къамел чекхдаккхахь.
Ромео
Со тилавелла, вац со кхузахь а.
Ромео вац. Карор вац Ромео.
Бенволио
Бегаш ца беш, дийцахь мила ю и.
Ромео
ХIинццалц бегаше ас къамел дора?
Бенволио
Ца дора дера. Баккъал мила ю и?
Ромео
Iожаллин меттахь цомгаш Iуьллучуьнга
Бегаш ца беш,  хьан хан кхаьчна, ала.
Баккъал а и хаза йоI ю, доттагI.
Беннволио
Хаьар суна. Нийса туху ас.
Ромео
Хьо иччархо. ЙоI ца йоьгIна вайна.
Бенволио
Iалашо дика хилча, леррина хьажайо вай.
Ромео
Кхузахь ца догIу  цу кепара  къамел.
Дианин санна шийла са ду цуьнан.
Я Купидонан пханах и ца кхоьру.
Велакъиежаш цуьнан бIаьра хьиежарх.
Дашон лаьмнаш хIитторх, мал ца луш,
Куьг Iоттаза шен хазалла иэцна.
Коша яха дагахь иза ю.
Бенволио
Маре ца дан ниййат дина цуо?
Ромео
Маржа-яI, дина. И кхочушхилахь,
Цу йоIах лар  юьсур яц кху лаьттахь.
Цхьа чIогIа и цIена а ю, сийлахь.
Тамаш бу со цуьнца ирсе хилахь.
МозгIар санна яха лаьа цунна,
Ирсе хила некъ ца буьтуш суна.
Ишшта вехачул а валар тоьлу.
Бенволио
Йицъе иза.
Ромео
Ойла ян ца оьшу ас.
Бенволио
Хьайн бIаьргашна маршо лохьа.
Кхечаьрга хьажахь.
Ромео
Кхечаьрга хьажчий бен, цуьнан хазалла,
Ша ма-ярра гучу а ца йолу.
Iаьржачу туьтмIаьжго къеггина гойту
Зударийн кIайн яьххьаш.
БIарзвеллачунна бен ца хаьа
БIаьрсинан мехалла. Кхечеран сибатехь
Юха а  суна гур, массарел хазачуьн
Дицдала йишйоцу васт.
Вицвала Iама ца туьгу со.
Бенволио
Ас Iамор ву, хьо дуьхьалвийлахь а.
Ший а дIаваоьду


2-гIа сурт. Урамехь
Гучуволу Капулетти а, Парис а, ялхо а.

Капулетти
Монтеккина а, суна а гIуда туьйхи.
Бертахь Iиен ца мегар?
Парис
ХIаъ, и дика дац. Лараме ши къано –
Даимана мостагIалла лиелош.
Суна жоп ма ца делира ахь.
Капулетти
Хьалха аьлларг, юхаъ боху ас:
Сан йоI хIинцаъ жима бер ду.
Цуьнан ма ца кхаьчна дейтта шо.
Шина шарахь собар дейша аш.
ТIаккха оха, нускал ду и, эр ду.
Парис
Цул къонаниш маре оьхуш бу.
Каппулетти
Хьалхе кхиар хуьлуш  хуьлу зене.
Сан сатийсам коше бирзина.
Суна йиснарг и цхьа йоI бен яц.
Цуьнца дийца, лараме Парис.
Цу гIуллакхан яккха хьажа йист.
Ас могуьйту хьуна и къамел.
Тховса вайгахь хьеший гуллур бу,
ХIора   шарахь даиманна санна.
Дукха адам хир ду. Вуола хьо.
Даггара ву кхойкхуш хоьга со.
Башхачу гуламе кхочур ву хьо.
Йиш хир ю вайн цу мехкаршка хьовса.
Уьш хир бу  седарчий санна тховса.
БIаьстенца деста  хи санна хьовзош,
Гобина  д1ахьур ду хаза ловзар.
Мехкарийн хазаллех инзарваьлла,
Царех уггаре хазаниг къасто,
Ца хIуттуш вуьсур ву хьо т1аккха.
Цу мехкаршца хир ю сан Джульетта.
Ларамие граф, сарахь гур вай х1ета.
(ялхочуьнга кехат дIа а луш) Ткъа ахь, хIилланча, кху тIехь язбина болчу массаьргахула чекхвалий, ала цаьрга: сан неIарш царна хьалха йиллина ю.
Капулетти а, Парис а дIавоьду
Ялхо
Язбинчаьргахула чекхвала тов! Мила кхетар ву кху йозанах? Хьанна хаьа кхузахь хIун яздина? Хьенан хIун цIе ю? Диеша хуурш ма бу.  ХIорш бу уьш! Ма шен хенахь гучувели ший а.
Гучуволу Бенволио а, Ромео а.
Бенволио
Кхин ма дийца. ЦIаро цIе дIайойъу.
Бала – баланца, сиркхо сиркхонца тойо.
Юхахьовзорца хьийзар сацадо.
Ахь, гIайгIанца тахана  ма къовса,
Керла бала хьайн сина тIеуоза.
Ромео
Динберг а ю чIогIа дарбане.
Бенволио
ХIун хиллачохь?
Ромео
Нагахь ког кагбелча.
Бенволио
ЛартIехь вуй хьо?
Ромео
ЛартIехь волуш, хьерваьлча санна,
ЗIенашца воьхкуш, самалдина сан.
Ялхо
Накъост, диеша говза вуй-те хьо?
Ромео
Дера ву! Сайн баланаш дешдакъошца диеша-м.
Ялхо
Йоза-деша хуург оьшур суна.
Ромео
Стенга воьду хьо? Схьало, доьшур ду ас.
(Доьшу) «Схьакхайкха: синьор Мартино шен  зудчуьнций, йоIаций; Граф Ансельмо, шен хазчу шина йишица; жеро Витрувио;синьор Плаченцо,шен товшдолу  вешин зудаберашца; Меркуцио, шен вешица Валентинца; ваша Капулетти, шен зудчуьнций, зудаберашций; вешин йоI хаза Розалина; Ливия; Синьор Валенцио, шен вешица Тибальтца; Лючия, шен йоIаца Еленица». Башха  цIераш ю! Стенга кхойкху цаьрга?
Ялхо
ДIо йисте.
Ромео
Стенга?
Ялхо
Тхан хIусаме сарахь пхьор даа.
Ромео
Хьенан  хIусаме?
Ялхо
Сан хьоладен.
Ромео
Уггар хьалха и хатта дезара.
Ялхо
Ас аьр хоьга.Сан хьолада Капулетти ву.
Хьуна иза вуьйцуш хезний цкъан а?
Нагахь санна хьо МонтеккигIарах
Вацахь, сарахь тхоьга вуола.
(ялхо дIавоьду)
Бенволио
Розалиний, хьан  тIауссий йоцург,
Цигахь  хир бу, кху Веронин
Уггаре а  хаза мехкарий.
Цига гIуо вайша. Хьо цкъа цаьрга хьажча,
Хьайн тIаус хьуна къийгах тарлур ю.
Ромео
Нагахь санна хIинца Iесадевлла
Делахь  сирла сан Iаьржа йоIбIаьргаш,
Шун  бIаьрхих и сийна цIе а яьлла,
Шу догийла, Делан мостагIий!
Стиглахь богу дашо малх  ца гайта,
Дала бIаьрса сан эшийна теша?
Бенволио
Ахь цу маьлхан йуьйцу хазалла
Йиллинерий кхечу терзана?
ДIасахьажа, цул а хазаниг,
Гича хьайна, ахь и дуьйцур дац.
Хьуна шех и жовхIар тарделларг,
Хила тарло гериг ангалин.
Ромео
Цу тойне гIор вай, нахе хьовсар доцуш,
И цхьаъ гархьама, ца гича йиш йоцу.
Ший а дIавоьду

3-гIа сурт. КапулеттигIеран чохь

Гучуйолу Капулеттин хIусамнана а, кхобург а.
Капулеттин хIусамнана
Кхобург, сихое. Мичахь ю Джульетта?
Кхобург
И лоьхуш ю со. Мичахь ю хьо Джульетта? Сацар доцург!
Мичахь бу сан Iахар?
Гучуйолу Джульетта
 
Джульетта
ХIун боху хIинца?
Кхобург
Нанас кхойкху хьоьга.
Джульетта
Кхузахь ю со. Ахь хIун боху, нана?
Капулеттин хIусамнана
ХIинцца. Кхобург, араялал цкъа, охашимма къамел дийр ду.Аьлча а, собар де.ЛадогIа ахь. Сан йоI хIинца гIеххьа йоккхахилла.
Кхобург
Цуьнан шераш, хIора сахьт а санна, суна девза.
Капулеттин хIусамнана
Кхуьнан хIинцаъ дейтта шо ца кхаьчна.
Кхобург
Жайнахь аьхкие йуола мел хан йисна?
Капулеттин хIусамнана
Ши кIира сов.
Кхобург
Сов я кIезиг бохург хаац суна, оцу дийнахь дейтта шо кхочу кхуьнан. ХIарий, и ялац хIара ехийла, Сусанний цхьана хенара яра.Со цунна хьакъ а ца хилла, Дала дIаийцира иза. Цуьнан дейтта кхочур дара уггар дехачу дийнахь. Цунна шиеко яц. Мохкбегийна цхьайтта шо а кхочу. Цу дийнахь, дика дагадогIу суна, Сусанна некхах къастош, ас хьаькхнера цига йоша (сагал-буц). Хиъна Iара со кхокхийн бунна хьалхахь. Хьой, хьан къинхетамениггий цу дийнахь Мантуехь дара.Ма дагахь лаьтта! Сан некхахь тасаелира Сусанна, шийлачу маьхьарца дIакерчира иза – Дала   ма дохьийла! Эццахь хаьрцина и бун охьаюьйжира, со едира. ХIетахь дуьйна цхьайтта шо дIадIаьлла. ХIара яра едда-хьаьдда лиелаш. Бертал йоьжна, хьаж лазийра кхуьнан. Ткъа сан майрачо, стиглахь хуьлда иза, забар йолуш ма варийца и, караэцна хIара хьостуш элира: «Джулинька, бертал иэга мегар дац, юхь эрчаяларна кхиерам бу.» Ас кхаьбначех уггаре хазаниг хьо ю. Хьо мареяхна де ган лаьа суна.
Капулеттин хIусамнана
Мареяхар? И ду вай хьиехориг.
Алал ахь, Джульетта,
Мареяхарх лаьцна хьуна хIун хиета?
Джульетта
Цу даржан ойла ас ца йина.
Кхобург
Цу даржан? Ойлаел аш!Хьо кхаьбнарг ма хуьлда со. Моьттур ду, ахь сан шурица сан хьекъал чуоьзна.
Капулеттин хIусамнана
Ойлае ткъа. Хьол кегийнарш а бу
Вайн  Веронехь наной хилла Iаш.
Хьол а жима йолуш, ас хьо йина.
Доцца аьлча, хьо йига лууш вели,
Парис боху, гергара стаг элин.
Кхаьбнарг
Иза-м, сийлахь къонах веца,
Сурт санна товш а волуш.
Капулеттин хIусамнана
Веронехь ца хилла зезаг
Кхаьбнарг
Зезаг, ала хIума доцуш, зезаг.
Капулеттин хIусамнана
ХIун олу ахь? ТIеоьций и даго?
Тховса тойнехь леррина хьажа цуьнга.
Цуьнан юьхь тIехь жайнахь  санна диеша:
Цуьнан лаам, хьастарш, дагайохар.
Дерриг дустуш, мел кIорга бу, хаа
Цуьнан хьоьга кхоллабелла биезам.
Нагахь санна дахкарлахь и хиетахь,
Цуьнан бIаьргаша хIун боху хьажа.
Иштта дуьзна тамехь сурт а хIоттош,
Иза башхачу  гура чу а дуьллуш,
Ойлаяхь ахь майрачух  хинволчу,
Хьо хир яц-кха жима а, я ирча.
Кхаьбнарг
Жима хир яц, тов! Йоккха хир ю-кх.
Божарша сиха йоккха хуьлуьйту зуда.
Капулеттин хIусамнана
И хIун стаг ву, хьажа реза юй хьо?
Джульетта
Хаац суна. Кхочушдеш хьан омра,
Хьожур  ю со.
Чоьхьаволу ялхо

Ялхо
ХIусамнана, хьеший гулбелла, шун хIоттийна, шуьга кхойкхуш бу хьеший. Ткъа Кхобург лоьхуш  ларми чуьрнаш бу.
Капулеттин хIусамнана
ДIадогIу тхо
Ялхо дIавоьду

Джульетта, сихое! Парис цигахь хир ву.
Кхаьбнарг
Дикачу деношна хуьлда хаза буьйсанаш!
ДIабоьлху

4-гIа сурт. Урам
Гучубовлу: Ромео, Меркуцио, Бенволио. Цаьрца пхи-ялх жухарг а ву карахь хаьштигаш а долуш. Вотанча а ву.

Ромео
Байташ йоьшуш маршалла а олуш,
Я совнаха къамелаш  ца деш,
ХIун дича бакъахь хиета, чоьхьадовлуш?
Бенволио
 ХIа-хIан, иза хIинца лиелош дац.
Купидонан секаIад ца оьшу.
БIаьргаш хьулдеш, бехчалг ца йоьхкуш,
Къийгаш къехкон мунданех тарделла,
Лиелар  дац вай, мехкарий а кхерош.
Цаьрга эрна хабарш а ца дуьйцуш,
Церан  зурманашка ла ца доьгIуш,
Вешан шокъалица халхадевлла,
ДIагIур ду вай.
Ромео
Схьало соьга хаьштиг. Реза вац со.
Я халхарча а вац. Хаьштигхо хир ву сох.
Меркуцио
Ромео,  халхавала диезар ду.
Ромео
Витахь со. Шуьниш санна мачаш яц сан  яйн.
Со йозалло охьатаIийна.
Меркуцио
Биезам бу хьан, Купидонан тIемаш
Ластадай, хьалаайъало.
Ромео
Цуо шен пхаца, дегIах чекх а боккхуш,
Лаьттах дIалатийна хIинца со.
Дархо ву со, тIемашкахь ницкъ боцуш.
Биезаман дукъ чIогIа деза ду.
Меркуцио
Охьакхиеташ ма хьашалахь биезам.
Иза вуно экаме бу хьуна.
Ромео
Экаме бу тов! Чорда бу и, къиза.
Коканан колл санна кIохцал долуш.
Меркуцио
Иштта делахь, хила цуьнца къиза.
Iотта ягош, биекхам хир бу тIаккха.
ХIинца туьтмIажгаш коьртах йохка йиеза.
Шайна хуург цаьрга бахийта.
Со – жухарг, туьтмIажгана эхьхиетий?
Бенволио
НеI туоха, чоьхьа довллушехь,
Карзахе халхар дIадоладе.
Ромео
Схьало хаьштиг, Iовдалш халхабийла.
Цигахь суна тесна  кузаш дац.
Со чIурамца, вайн дайша ма-аллара,
Шун белшаш тIехьахула хьожур ву.
Меркуцио
ХIай, хаьштигхо, чиркхан къуьда санна.
КIур туьйсу хьайн безамца кIордий хьо!
НеI туоха, дийна воллушехь ма вага.
Дийнахь хаьштиг даго оьшуш дац.
Ромео
ХьошалгIа гIиертар – дика хIума ду.
Дикане а шен цхьа лиехам бу.
Меркуцио
И хIун ду, хатта мегар делахь?
Ромео
ГIан гира суна.
Меркуцио
Суна а гира.
Ромео
Хьуна хIун гира?
Меркуцио
ГIан кIадбоцург ду.
Ромео
Ас уьш даим галцаволуш тидна.
Меркуцио
Дерригенна бехкениг ю Маб.
Цуьнан забарш. Ю и буьртиг санна,
Жима. Наб а кхетта Iохкуш гича вай,
Шен  ворданахь вайн меркIело толлуш.
Чкъургийн цергаш гезгийн когех йина,
Тхевнан метта цIезан тIемаш ду,
Архаш –  гезган машин хьесанах.
ГIомат тхин тIадамех юьйцина.
Уьгазлакх тIе чуьрк а хаийна.
И ворда ю хьуьнан бIарин чкъуьйриг.
И кечъеш хилла тарсал, чхьаьвригца.
Бозбуунча Маб ю хIора буса:
Набъеш болчу кегийрхойн хье толлуш,
Гойтуш царна  гIенаш мерза, хаза.
Хьоладайшна паччахьан керт гойтуш,
Кхиелахошна кхаьънаш хир ду бохуш.
Иштта Маб ю нехан  дегнаш хьоьстуш:
Салтичунна  гойту тIеман аре.
Вотта  тухий самавоккху и.
Хьалаэккхий, доIанаш а дой,
И дIавуьжу, верриг иэгавой.
Бозбуунча Маб ю забаршъеш.
Божалш чохь цуо говрийн кхиесаш юцу,
Уьш схьаястар кхераме ма дуй.
Мехкаршка цуо гIенахь узарш дойту.
И ю-кх Маб…
Ромео
Меркуцио, дIасацахь.
Хабарча ву хьо.
Меркуцио
Дуьйцурш гIенаш ду.
Уьш бу-кх эрначу сатийсамийн стоьмаш.
ХIаваъ ду и, лаца тIам а боцуш,
БIаьрзе  хьоькху карзабаьлла мох,
Аьхналла я оьгIазалла гойтуш.
Бенволио
Цу хьан махо вайн пхьор ма шелдойла.
Кхузахь вай и эрна къамел дешшехь.
Ромео
Собардан я сихдала ца оьшу.
Дикане а са ца туьйсу ас.
Хаац хIун ду, боданехь хьулдинарг,
Цуо сан дахар хIинца тховса дуьйна
Дацдан мега, ирча буохам хуьлуш.
Ткъа сан кема лиелош волчо, ша
Четарш, махо дузуш, айъина.
Чоьхьадовлий вай?
Бенволио
Туоха вота!
ДIабоьлху

5-гIа сурт.
Капулеттин  хIусамехь  хьешашна лерина чоь. Пондарчаш, зурманчаш, гатанашца ялхой.


Хьалхара ялхо
Мичахь ву Антон? ХIунда вац гIо деш?
Йиснарш юуш, кедаш чу мотт хьоькхуш, хир ву.
ШолгIа ялхо
Дерриг гIуллакх цхьана-шина стагах тешна,
Дитча вуон, куьйгаш церан дуьлуш а ца хилча.
Хьалхара ялхо
ГIанташ, дIогара пхьегIийн барз пена юххехь.
Дети тергал делахь. Суна йиезаш йолу марципан,
Iалашъелахь. Айхьа ларахь со, лаха чохь ала:
Сан хьоме  Сатийсам чуяийта. ХIай, Антон!
КхоалгIа ялхо
Кхузахь ву со. ХIунда бетта мохь?
Хьалхара ялхо
Йоккхачу чоьне кхойкхуш ву. Чехко цига дIагIо.
КхоалгIа ялхо
Массанхьа а ларор вуй со. Сиха хьовза, кIентий!
Дуккхаъ вахахь, шортта бахам хир бу.
Гучубовлу: Капулетти а, цуьнан хIусамнана а, Джульетта а, Тибальт а

 Капулетти
Хьеший, марша догIийла!
Тховса сахиллалц халхадийла
Аьтто хир бу. Хазаниш, шуна хIун хиета?
Мила муха Iийр ю халха а ца йолуш?
Хьенан когаш мачаша баийна,
Хуур хIинца. Шу тхан карахь ду.
Цхьа хан яра дагара ас дуьйцуш.
Лере теIаш мехкарийн дог оьцуш.
И дIадаьлла, дIадаьлла…
Гучубовлу: Ромео а, Меркуцио а, Бенволио а, кхиберш а

Маршалла ду шуьга! Лакха башха мукъам!
Новкъара дIахилла! Халхарчаш, мехкарий
Гонна юкъадовла!
Мукъам биека. Хьеший халхабовлу.
Капулетти
ДIахиладе гIанташ! Серло алсамъяккха!
Кхерчара цIе яйъа: йовха ю кху чохь.
(Ваша Капулеттига)Халхаре хьоьжуш,
Юкъавала дог догIий хьан?
Ваша Капулетти
Мичара хьуна, халхарш сан дIадевлла.
Ткъеитт шо хир ду, туьтмIаьжгашца
Со тховса хIорш санна халвийлина.
Капулетти
Хир яц оццул дукха хан дIаяьлла.
Люченцос зуда ялийна ткъе пхиъ  шо дац.
Цуьнан ловзаргахь вай халхадийлла!
Ваша Капулетти
Дац иштта, церан кIентан ткъе итт шо сов ду.
Капулетти
Шен лааме стохка бен ца ваьлла иза.
Ромео (шен ялхочуьнга) Мила ю йоI,
Шена юххе и къонах хIоьттинарг?
Ялхо
Ца хаьа суна.
Ромео
Цуьнан хазалло хаьштигаш кхолийна.
Къиегачу жовхарх тера ма ю иза.
Кху къизачу, ирчачу дуьненна
ТIех сирла ду цуьнан хаза сибат.
Къийгаш юккъехь хьийза кхокха санна,
Адамашлахь йевза суна иза.
Юххе таьIна хьожур ву со,
ХIинцалц хиллий техьа суна цхьа а йиезаш?
ХIан-хIан. Уьш бара харц Маьл-АьзнигIар,
Ма-ярра хазалла суна ца гуора.
Тибальт
Монтеккин аз дарий-те суна хезнарг?
Тур баттара даккха, жима сийдоцург!
ТуьтмIаьжгаца муха ваьхьна хьо,
Тхан цIийнах кхаьрдаш, кху хIусаме ван?
Хьайн сица жоп лур ду хIинца суна.
Капулетти
Сан хьомениг, ахь хIунда хьоькху мохь?
Тибальт
Вайгахь Монтекки ву! И кхуза муха кхаьчна?
Вайх кхаьрдаш, бен ца хиеташ веъна и.
Капулетти
Ромео вуьйцу ахь?
Ромео
Вуьйцу и сийдоцург.
Капулетти
Меттавуола. ХIун боху ахь цуьнга?
Оьзда лаьтташ ву и, вайн Веронехь
Массара оьзда лоруш ву и боху.
Цунна вайгахь вас йойтур яц ас,
Дерриге дуьненан хьал схьадаларх.
Вита иза, иштта ду сан омра.
Нагахь санна со ахь лоруш велахь,
Хьайн  сакъиера, оьгIаз а ца оьхуш.
Хьешашна хьалха оьгIазло ца тов.
Тибальт
Ца оьшурш ас хьошалгIахь ца лов …
Капулетти
Ловр бу, хьайга лан биеза уьш, аьлча!
Хезий шуна? Муха ву! Ловр бац, тов!
Кхо ловр бац! Хьо сан метта
ХIусамда хилла, дIахIотта-м ца гIиерта?
Кхо ловр бац! Кхо-м хIара хьеший сан
Карзахбаьхна гIовтийта а тарло.
ХIара коьртаниг ву! Рема лоьхкург ву!
Тибальт
Амма, ваша, хIара эхь ма ду!
Капулетти
Хьайн къамел сацийта!
ДIатие!
(Хьешашка) Иштта. Хила йиш яц!
(Тибальте) Суна хьехарш дан воллур хьо.
(Хьешашка) Хила йиш яц!
(Тибальте) Тенкак ю хьо! Хила гIиллакхен!
(Ялхошка) Серло, алссам серло!
(Тибальте) Аьлларг ца дахь, нуьцкъах дойтур ду.
(Хьешашка) Даса ма даржа, самукъане хила.
Тибальт
Къарвелла, оьгIазло йицъеш, дIаваха?
ГIур ву-кх, хIета. Кхайкхаза веъна хьан,
Хьиеван  йишйоцу, хьаша
 Хьуна бале вер ву, цIий а Iанош!
(ДIавоьду)
Ромео (мозгIаран духарца, Джульеттига)
Хьан куьйгех сан куьг кхиетахь нагахь санна,
Ниййат до ас, гена ца вала,
Килсе вахна, Марьяман суьртана,
Барташ бохуш къинойх цIанвала.
Джульетта
Веза дада, вовшийн куьйгаш къуьйлу.
Маршаллица и ца хуьлу харц.
Зерат дечо корта таIош хуьлу.
Барташ баха оьшуш а ма дац.
Ромео
Амма, балдаш стенна делла вайна?
Джульетта
Веза дада,  вайга доIа дайта.
Ромео
ДоIа до ас: кхаьрга къахьегийта.
ЛадогIа соьга, йеза сийлахь нана.
Джульетта
ЛадугIур ду, меттах а ца хьовш.
Ромео
ХIуммаъ дац, со тIекхочур ву.
(йоIана барт боккху)
Сан балдашкара къа дIадели хIинца.
Джульетта
Сайчех дуьххьара иза схьахьаьрчи.
Ромео
Делахь юха схьало суна иза.
Джульетта
Мичахь Iемина хьо и барташ баха?
Кхобург
Нанас кхойкху хьоьга.
Джульетта дIайоьду

Ромео
Мила яра иза?
Кхобург
Хьуо мича кхаьчна хаьий техьа хьуна?
Со цу йоьIан шолгIа нана ю.
Ас якхийна,  сан йоI ма ю иза.
Хьо хIинцца юххехь лаьтташ вара цунна.
Шорта хьал хир ду и йигначунна.
Ромео
Капулетти яра иза?
Со мостагIийн каравахна.
Бенволио
Iодикае. Забар кхочушхилла хьан.
Ромео
ХIинца-м тIех совваьлла моьттуш ву со.
Капулетти
Мегар дац. Хьеший, аш хIун до сел хьалххе?
Ялхой богIу шийла малар дохьуш.
Нагахь санна шу сел сиха делахь,
Шуна баркалла. Марша гIойла.
Некъ дика хуьлда шун!
Со а метта вала диезаш ву.
Капулетти а, кхиберш а дIабоьлху

Джульетта
Сан Кхобург, ладогIахь:
Мила ву, дIо неIаран сонехь гушверг?
Кхобург
Воккхастеган Тиберьюн кIант ву.
Бенволио араволу
 Джульетта
Ткъа хIинца неIарехь гушверг?
Кхобург
Жимахволу Петручьо ву моьтту суна.
Меркуцио араволу
 
Джульетта
Ткъа цул тIаьхьа гIертарг аравала,
Дог  ца догIуш хилларг халхавала?
Ромео араволу.
 Кхобург
Хаац суна-м.
Джульетта
Ялол, хаал иза мила ву?
Кхобург арабуьйлучарна тIейоьду.

Нагахь санна, иза зуда ялийна велахь,
Суна тIаккха ахь марчо кечделахь.
Кхобург (юхайогIий)
Цуьнан цIе ю Ромео. Монтекки ву иза.
Шун луьрачу мостагIчун кIант.
Джульетта
Кхиетам боцуш, ца оьшучу дийнахь,
Диезаделла мостагIан васт суна.
ХIун дикане ас сатийса диеза,
МостагIчуьнга бахна хилча биезам?
Кхобург
Ахь хIун гIам-гIим до?
Джульетта
Цхьа байт яра иза-м.
Капулеттин хIусамнана
(гуш яц) Джульетта!
Кхобург
Хезаш ду, хезаш ду! Хаьа суна, хаьа!
Массо а дIаваха. Вайшиъ а дIайоьду, хьомениг.
ДIабоьлху. Гучуйолу йишлокху тоба.
Йишлокху тоба
Кхечуьнца хилла, шовкъ  дIаели тховса.
Некхе дагар хьаьди, и йицйойтуш.
Хазаллица, Джульеттица къовса,
Цуьнан   сибат диси таро йоцуш.

Шиннан хIинца кхоллабелла биезам
Хербеш, тарло мостагIалло иэшо.
Иштта ца хилийта, хIун дан диеза?
Барт бу хIинца царна чIогIа оьшург.

МонтеккигIарна Джульетта ца йиеза.
Ткъа Ромео нуц вац цуьнан цIентIехь.
Маца, мичахь и цунна ган виеза?
МостагIаллех и шиъ хьан лардер техь?

Амма, шовкъ ю баланах уьш ларбеш,
Царна вовшахкхиета  аьтто беш.

Йишлакхархойн тоба дIайоьду


ШолгIа дакъа

1-ра сурт. КапулеттигIеран бешан пена юххехь.

Гучуволу Ромео

Ромео
Мича гIур ву со, сан дог кхузахь хилча?
Лаьттан гуонах хьовза гIийла бутт!
(Пена тIехула беша волу. Бенволио а, Меркуцио а. )
Бенволио
Ромео, саца!
Меркуцио
Ромео Iовдал вац.
ЦIахь хир ву и. Вижна хила а мега.
Бенволио
Кху пена тIехула беша велира иза.
ЧIогIа вистхилий, схьакхайкха цуьнга.
Меркуцио
Кхойкхур ву дера цуьнан IиндагIе.
Ромео! Хьо хьераваьлла те!
Тхуна хьалха хIотта марха санна,
Хьайн садиеIар а хозуьйтуш суна.
Цхьа ахмогIа алахь, маржа,  «биезам»!
Цуьнца, «цIийца» мукъаме дош диеза.
Купидоне я Венере хатта.
Велларг вистхилийта дац атта.
Розалинин бIаьргийн, балдийн дуьхьа,
Цуьнан башха куц дага а лаций.
Гучувала тхуна хьалха доьху.
Бенволио
Иза тIаккха оьгIазваха тарло.
Меркуцио
ХIунда? Цунна  ас ямартло йина?
Цуьнан сине кхойкхуш ву со доггах.
Иза гучуваьлча бакъахь ву,
ОьгIазвахар  кхузахь эрна ду.
Бенволио
Iалашоне бIаьрзе шовкъ  ца кхочу.
Лаьтташ  хир ву цхьана диттан юххехь,
Шена  биезнарг  стом белахьара хьочан,
Бохуш, кхоллур бара, ша и муххаъ.
Меркуцио
Йоккха тентак ю-кха хьо, Ромео!
Марша Iойла, со сайн метта воьду.
Хьо вуьжучохь чIогIа шийла ю.
Вало, Бенволио
Бенволио
Вало дера.Вайша хIунда лоьху,
Ша каравойла вайна ца луург?

2-гIа сурт. КапулеттигIеран беш

Гучуволу Ромео

Ромео
Сан лазар царна хиета биеламе.
И хIун серло ю балконехь гушъерг?
Джульетта, хьо де санна сирла  ю.
Коре  йоула, бутт хьох хьоьгуш бу,
Хьан кIайчу басо ша кхолийна бохуш.
Балкон тIехь гучуйолу Джульетта
Хьайн хазалла хьанна ю ахь кхоош.
Маре ца дан ниййат ца тов хьоьгахь.
Сан хьомениг! Сан дахар! Хазахиетар!
Лаьтташ ю-кха, ша мила ю, ца хууш.
Балдаш хьиедо, дешнаш хезаш дац.
Суна тоьу, цуьнан хьажар гича.
Ма Iовдал ву со! Кхечара до къамел.
Ши седа бу, стиглара чубоьжна,
Цуьнан бIаьргашчуьра сиега лууш.
Ма инзаре сурт хир дара тховса
Цуьнан ши бIаьрг стигла хьалабаьлча!
ХIокху буса малх схьакхетта моьттуш,
Олхазарш хир дара эшарш лоькхуш.
Лаьтташ ю беснех куьг а хьоькхуш.
Стенна ойлайо-те къайлах цуо?
Дависа сан хIинца аьтто  хилча,
Цуьнан куьйгах доллу кара хила!
Джульетта
Соьгахь бала бу!
Ромео
Цхьаъ бохуш-м ю. ХIай   сан хьоме малик,
Боданехь хьо ду тIехула хьийзаш,
Стиглан Iаьрчпшкара хьаша санна.
ТIемаш лестош, хIун кхаъ бохьуш деъна?
Джульетта
Ромео, хьо хIунда ву Ромео!
Хьайн да вицвай, хийцахь  и хьайн цIе.
Я сох хьайн хIусамнана йина,
Капулеттин цIарах  къастае.
Ромео
ЛадоьгIуш Iие со, я вистхилий цуьнга?
Джульетта
И хьан цхьа цIе ю суна бале яьлларг.
Монтекких хьо ца хилча, тоьуш дара.
Монтекки бохург хIун ду?
Юьхь и, я когаш, куьйгаш, накха?
Кхин цIераш яц-те, адамшна тахка?
ЦIе бохург хIун ду? Ровзан хьожа евза,
Ахь цунна муьлххаъ хийцина цIе тилларх.
Ромео, цуннах хьаъ а хIуъу аларх,
Ша ма-дарра куьцехь адам ду.
Ромео, муьлххаъ хьайна кхин цIе тилла,
Кийча хир ю со, ерриг хьан хила!
Ромео
Реза ву со! Хьан даго со хаьржи!
Керла цIе тIеиэца кийча ву.
Джульетта
Мила ву и, кху буьйсанан кийрахь
Соьца сан сатийсамашка вуьйлург?
Ромео
Сайн цIеяккха ваьхьар вац со. Иза,
Хьо бахьанехь, суна а оьшуш яц.
И тIеязйина кехат карадеъча,
Ас и иэтIор дара кескашъеш.
Джульетта
Иттех дош а вовшашка ца аьлла,
Ма чIогIа суна девзаш ду и аз!
Ромео вуй хьо? Вуй те хьо Монтекки?
Ромео
Иза  а, я царах  а вац. Кхобур вай и цIераш.
Джульетта
Кху беша хьо муха, хIунда кххаьчна?
Пен лекха бу, дуьхьалонна бина.
Сан гергарчарна кхузахь хьо карийча,
Хьо хIаллакван уьш, даима бу кийча.
Ромео
Биезамо сехьаваьккхира со тховса,
Ткъа  цунна дуьхьало ца хуьлу пенех.
Эшначохь кийча бу и, хIуъу къовса.
Гергарнаш  бицбеш, йиш хилча, хьо ган.
Джульетта
Шайна гича, цара вуьйр ву хьо.
Ромео
Хьан бIаьрхьажар – ткъа шаьлтанал луьра.
Къинхетамие охьахьажахь соьга,
Со Iалашвеш хир ду цунах.
Джульетта
Хьуо царна дIа ма гайталахь!
Ромео
Буьйсано чоица хьулвийр ву со.
Тоьуш ду хьо соьца догкIеда хилча.
Ца хилахь, цаьрга суо вейта ву кийча.
Ахь хьостуш ца хилча, со хIуна веха?
Джульетта
Кхуза богIу некъ хьуна хьан гайти?
Ромео
Биезамна карий и.ХIордахо вац со.
Амма, хилча хьо дуьненан маьIIехь,
Хинкеманца мало, кхиерам боцуш,
Араваьлла лохур яра ас хьо.
Джульетта
Цхьадика, бодано сан юьхь ца гойту.
Гуш хилча, йогур яра и эхь хиеташ.
Сан дагара хьуна дукха хиъна.
МоттаргIанаш лиело тIаьхьа ду.
Я  оьшуш дац. Йиезий хьуна со?
Ахьа «йиеза» эр дуй, хаьа суна. Собар.
Iиехор ю ахь. Дуй баа ца оьшу.
Ромео, ма лие харц.
ХIара забар яц.
Со Iехалуш, атта ю моьтту хьуна?
И бакъдоцийла, хоуьйтур ду ас,
Хьоьга ца кховдош сайн  куьг цкъачунна.
Сайн лаамехь и дийр доццушехь,
Сайн чIогIа  виезаш воллушехь.
Хьуна-м хиета хир ю со цхьа Iовдал.
Амма, оцу курачу мехкарел а,
Къайле йоцуш, со  догцIена ю.
Хила йиезара жимма собаре.
Ца моьттура цхьанна хезар ду.
Сан дог-оланех ца кхаьрдаш, доьху,
Бекха ма билла, атта а ма хиета.
Ромео
Детица кхолуш баххьаш хIокху диттийн,
Стиглахь тховса къиегаш болчу беттан
Нуьран серло теш а йолуш, дош ло…
Джульетта
Хийцалучу баттаца дуй ма баа,
Ямартлонаш ас ловр йоций, хаа.
Ромео
Делахь, стенца баа биеза дуй?
Джульетта
Цханццаъ. Я хьайх лаьцна ахь дуй баахь,
Тоьур ю  и суна чIагIо хьан.
Ромео
Дуй боу ас, оьшуш хилахь дог сайн…
Джульетта
Тоийта, суна кхин дешнаш ца оьшу.
Хьан сайца йолчу шовкъах чIогIа  тиешарх,
Кху сихаллехь хуьлуш долчух кхоьру,
Иштта чехка вайн ирс кхачорна.
Буьйса декъал хуьлда! Иштта мерза наб
Кхетийла хьуна, сан сирла дуьне санна.
Ромео
Сел сиха со муха къаста хьох?
Джульетта
Вай аьллачунна хIун тIетухур ду?
Ромео
Дуй биъна ас. Дуй ахь баа биеза.
Джульетта
Дуй баарна, хьол хьалха а яьлла,
Сайн сихаллех хIинца дохкояьлла.
Ромео
Хьайн дуй юхаиэца лууш юй хьо?
Джульетта
ХIаъ, кхин цкъа а иза баархьама.
Сан лаамехь дац сан долахь дерг.
Биезаман бух бац,  догдикалла
Ю хIорд санна йолуш шоралла.
И дерриг ас алссам дIа мел ло,
Суна юхадоьрзу совдолий.
Кхобурган аз хеза
Соьга кхойкху.Iодика йойла хьан!
ДIайогIу со! Бехк ма билла..
Со юхаян мега…Собар делахь…
ДIайоьду
Ромео
Йеза буьйса, йеза буьйса ю!
Я гIан ду техьа хIара?
Ирс – барам боцуш, туьйранахь санна,
Iаламате ду дерриг!
Балкон тIехь гучуйолу Джульетта
Джульетта
Кхин а цхьа-ши дош. Нагахь, Ромео,
Хьо, бегаш боцуш,со йига дагахь велахь,
Хаийта мичахь хир ду вайн махбар?
Iуьйранна хьл волчу вогIур ву сан стаг,
Ахь хIун сацам бо, цуьнга хаийта.
Сайн бахам ас хьан когашка буьллур бу.
Хьан лорах хьоьца миччаъ йогIур ю.
Кхобург (сцени тIехьара)
Хьомениг!
Джульетта
ДIайогIу! ХIинцца!
Нагахь со Iиехо гIерташ, хьо  велахь,
ТIаккха, тIаккха…
 Кхобург (сцени тIехьара)
Хьомениг!
Джульетта
Чехка дIагIо, са ца дууш сан.
Пурба дац хьуна, кхуза юха ван.
Ас ловр ду иза.
Ромео
Къематдийнора!
Джульетта
Iодикайола бIе эзарза  хьан!
Ромео
БIе эзарза синош дохур ду ас,
Хьо дагалоьцуш, хьан бIаьргашна генахь.
(Пен болчу агIора даволало.)
Юхаъ балкон тIехь гучуйолу Джульетта
Джульетта
Ромео, мичахь ву хьо? Шедаг хилча,
Иза а лоькхуш, и кIорни тIекхайкха.
Со тутмакх ю, мохь бетта  аьтто бац.
Хилча-м, ас шайтIанан йиш халор яра:
Ромео, мичахь ву хьо? Мичахь ву. Ромео?-
Хадданза мохь бетташ бохур дара.
Ромео
Сан са ша йолчу дIа кхокхуш соьга.
Буьйсанна аьзнаш чIогIа зевне диека.
Джульетта
Ромео!
Ромео
Хьомениг!
Джульетта
Мас сахьт даьлча, ваийта хьо волчу,
Хьан жоьпе ладогIа вогIу стаг?
Ромео
Исс сахьт даьлча.
Джульетта
И-м ткъа шарал йеха хан ма ю.
ЛадиегIар хало…со хIун ала йоллура?
Ромео
Дагадаийтал. Со ладугIуш соцур ву.
Джульетта
Собар де. Хьо дIа ца вахийтархьама,
Юхаъ и сайна дицдолуьйтур ду.
Ромео
Дицдеш, хьайна дагадаийта юхаъ.
Суо вицвина лаьттар ву со кхузахь.
Джульетта
Сахила доллу. ГIахьара хьо гена.
Алахь, со муха къаста йиеза хьох?
Сан куьйгах  теца дихкина хьоза санна,
Ву хьо, охьавуссуш, юха тIемаволуш.
Ромео
Лаьа суна хила иштта хьоза.
Джульетта
Иза-м суна  а чIогIа лаьара.
Амма, тIаккха-м хьо вехийла гIуоза,
Ас хьистина виен мегара хьо.
Iодика йойла! Къаста дац-кха гIора!
ХIара санна хуьлда буьйса хIора!
(дIайоьду.)
Ромео
Iодика йойла!
ПрагIат наб ахь йойла!
Дагна тамбеш. мерза гIена гуш.
Со, килсе а вахна мозгIар волчу,
Дийца воллу, дагалаьцна долчух.
(дIавоьду.)

3-гIа сурт. Ваша Лоренцон хIусам.
Карахь тускар а долуш, чоьхьаволу ваша Лорецо.
Ваша Лоренцо
Буьйса дарло, дийно  къайлаха
Басарш хьоькхуш мархаш къагайо.
Бода кескаш хуьлуш баьржина,
Тхи ду хIинцаъ малхо маланза,
Дохк а Iуьллу хьалагIаттанза.
ХIара сайгара тускар дуьззина,
Гулйийр ю ас бецаш дарбанан.
Массеран  а нана ю-кха латта.
Массеран  а Iалашо и ю.
Ага ду и. Ду тIаьххьара лахьта.
Дерриг  Iалам цунах декхаш ду.
Делан лаамца,  массо хIуманна
Дуьне къагош, елла башхаллаш.
ТIулгашна а, зезагашна а белла
Цуо инзаре тамашийна ницкъаш!
Цуо дозалла дан йиш йоцуш, хелиг
Кху дуьненчохь гучудаьлла дац.
Шеца лехча, цхьа вуон агIо йоцуш,
Йолу хIума каро атта дац.
Пайдехь ю-кха оьшучохь карийнарг.
Диканах а лазам хила тарло.
Кху зезаган дагна там бен пхенаш:
Царна чуьра цхьаъ  пайдехь хила мега,
Ткъа шолгIаниг  хуьлу зулам деш.
Цуьнан зазан дарбане ю хьожа,
Орамаш а, гIа а дIаьвше ду.
Иштта вайн са шина декъе доькъуш,
Дика вуонца даим къуьйсуш ду.
Вуон а тоьлла карзаваьлларг хилахь,
Ву и Iожаллина герга хилла.
Ромео
(сцени тIехьара.)
Ваша!
Ваша Лоренцо
Дала къинхиетам бойла!
Мила ву техьа сел хьалхе схьавеънарг?
Гучуволу Ромео
ХIан, хьо ву и? Могуш вуй те, хьовха,
Самаваьлла боргIалел хьалха?
Къена хилча-м кхиеташ дара иза.
Цара наб ца кхеташ ларйо буьйса.
Къона волучу хенахь наб ю мерза.
Лаа-м дац, хьо кху хан йоцчу хенах
Лиелаш хилча, диц а дина гIенаш.
Могуш воцуш хилла гIатта диезна,
Я вижжане хьо охьа ца вижна?
Ромео
Хьо бакъ ву. Вижна ца Iиллина со.
Ваша Лоренцо
Дала къинхиетам бойла вайх!
Розалина йолчохь вара хьо?
Ромео
ХIан-хIан, сан Розалиница дерг дIахаьдда.
Ваша, цуьнан цIе а йиц ма елла суна.
Ваша Лоренцо
Ас и къобалдо. Воккхавие хьо хIунда?
Ромео
Коьртаниг хIинца ас хоуьйту хьуна:
Сийсара тойнехь чов йинера  суна.
Массо а туохар дIадоькхуш, ас тоьхна.
Тхойшиннан чевнаш ахь дIаехкахь йиеза.
Цундела веъна со хьан хIусаме.
Ахь сайга аьлларг хир ду суна деза.
МостагIчунна кечдан кийча ву со.
Ваша Лоренцо
Ма-дарра дийца. Ас хIун эр ду хьоьга,
Хьан дариенах кхиеташ ца хилча?
Ромео
Капулеттин йоI хазъелла суна,
Иштта цуннаъ виезавелла со.
Вовшахкъастар лалур доцуш ду тхо.
Тхуна мах бан диезаш ву-кха хьо.
Айхьа и тахана кхочуш дийр,
Алий, луохьа суна  деза дош.
Ваша Лоренцо
Сийлахь Франциск, хилла боккха хийцам!
Розалина-м хьахош а яц хIинца.
Вайн кегийрхойн уьйраш сица йоцуш,
Хуьлуш хилла-кх бIаьрган чоьнца йозуш.
Цхьа-ши де хьалха мила дагайоьхна,
Вара хьо воьлхуш, синкхиетамах воьхна.
Биерам а, бурч а мел Iанийра ахь?
Хьан гIийла узарш маца тийна дIа?
Розалина хиестош къамел динарг,
Хьо варий иза, я галваьлла со?
Божарийн дош хилча атта духуш,
Хир  буй тIаккха зударий ладугIуш?
Ромео
И бахьанехь со хийла чехаворий?
Ваша Лоренцо
Хьо  сиха вара, бехк а боцуш цуьнан.
Ромео
Делахь хIинца и йицъелла-кх суна.
Ваша Лоренцо
Кхечунна тIаьхьаваьла сихонца.
Ромео
ХIара цунах тера а мая ц.
Иза къиза – хIара догдикалла.
Ваша Лоренцо
Хьох ца тиешаш, оьгIазе и яра.
Хьоьца ву со. Дикане ду хIара.
Шина  доьзалан барт хила а мега
Ромео
Доьху, сиха!
Ваша Лоренцо
Доьху ас, ма сихве со тIаккха,
Тарлуш ма ду, сихалло са даккха.
Ший дIавоьду

4-гIа сурт. Урам.

Гучуволу Бенволио а, Меркуцио а.
Меркуцио
Мичахь лиелаш ву техьа Ромео?
ЦIахь хиллий те иза сийсара?
Бенволио
Ца хилла. Ас хаьттира.
Меркуцио
Оцу Розалинас, Iехавина,
Хьеравакхха мега декъазниг.
Бенволио
Хезарий хьуна? Тибальта шегара
Ромеога кехат язди боху.
Меркуцио
Хир ду иштта кехат, девне кхойкхуш.
Бенволио
Ромеос жоп лур шеко йоцуш.
Меркуцио
Кехатна жоп дала хала дац.
Бенволио
Цуьнца лата кийча ву Ромео.
Меркуцио
Миска Ромео! Ишттаъ велла ву.
Цуьнан лергех мехий дохуш хийла,
КIачу йоьIан бIаьргаша Iехийна,
Цуо хIун дина иэшор ву Тибальт?
Бенволио
Тибальт хIун ю?
Меркуцио
Туьйранера цицигал а дера
И ву хьуна сий лардечохь шайн.
Тур ловзочохь ву и маттал шера.
МостагIаша са лардойла шайн!
Гучуволу Ромео
Бенволио
Хьажахь, вогIург Ромео ма ву!
Меркуцио
Адаман дилх, хьо хIунда гIелделла,
Бакъийначу чIерах а тарделла?
Петраркас шен Лаурина санна,
Язъе хIинца ахь даггара байташ.
Бонжур, Ромео! Хьан пранцузийн хеча
Ирсе кхочуш лиелайойла гIуоза!
Сийсара ахь тхо Iехийра говза.
Ромео
Маршалла шуьшинга! Ас Iехавира? Муха?
Меркуцио
Цхьаний цIа гIур ду, аьлла, барт бинера.
Ткъа хьо къайлаваьлла лечкъинера.
Ромео
Бехк м а биллахьа, хьоме Меркуцио.
Мукъа вац со. Забаре дац гIуллакх.
Меркуцио
Хьан гIуллакхашкахь гуора хIуотта виеза.
Ромео
ГIиллакхца догIуш, къамел ма ду иза.
Меркуцио
ХIаъ! Со ду цу гIиллакхан и заза.
Ромео
Хетарехь, хьо ду-кх башха алзам.
Меркуцио
ЦIена бакъ ду.
Ромео
Сан мачийн къовларш санна.
Меркуцио
Забар ира ю!
Айр даадаллалц мачийн забаръе.
Цхьаъ бен йоцу, и хьайн хаза забар
Яхъе хIинца мачийн утаркх санна.
Ромео
Хьо ву-кх хIуъа дийца бакъо йолуш.
Хьан хабаро хьо Iалашвийр ву-те?
Меркуцио
Хьан узарел гIолехь дац ткъа иза?
ХIинца хьо ма-варра ву Ромео,
Ткъа и безам бохург, хьере хилла,
Лелаш хир ю, шен тайниг а ловзош.
Ромео
Тоьур ду. Тоьур ду.
Меркуцио
Цунна и ца тарна, кхоьру хьо?
Бенволио
Нийса вац хьо. Дуьхие кхиъна со.
Ромео
Хьовса кхаьрга, инзаре сурт ду.
Гучудолу: Кхобург а, Поьтр а.
Меркуцио
Анайистехь гуш ду четар!
Бенволио
Ши четар ду: йубка а, хеча а.
Кхобург
Поьтр!
Поьтр
ХIун оьшура хьуна?
Кхобург
Сан мохтухург мичахь ю?
Меркуцио
Юьхь дIахьулъян, цуьнга ло мохтухург.
Iуьйре дика хуьлда шун, догдика  кIентий!
Меркуцио
Суьйре дика хуьлда хьан, догдиканиг!
Кхобург
Суьйре ю хIара?
Меркуцио
Ю схьахиетарехь. Хьан дахарехь-м цхьан шиеко йоцуш.
Кхобург
ДIавалахь дIа! Хьо хIун адам ду?
Ромео
Ша шех кхарда кхоьллина и Дала.
Кхобург
И ду хаза! Ша шех кхарда, тов.
Соьга хьан эр дара техьа,
мичахь карор ву къона Ромео?
Ромео
И цIе йолчарах къонаниг со ву.
Кхобург 
Хьо Ромео велахь, хьоьга ала,
Диезаш къайлах цъа хабар ду сан..
Бенволио
Хьажалахь, цхьанхьа шуьне цуо и кхойкхуш.
 Меркуцио
ХIай, юкъалеларг-яI! ДIаэккхае и!
Ромео, хьо цIа вогIий?
Ромео
Со тIаьхьакхуьур ву шуна.
Меркуцио
Йоккхастаг, шун Iодикайойла!
Iодика йойла, некъ дика хуьлда шун.
Меркуцио а, Бенволио а дIавоьду.
Алахь, мила ву и, шех тарвелларг цхьаъ?
Ромео
Ша шега ладогIа лууш, баттахь шена дагахьбаллам хин болу къамел сохьтехь а деш волу жима стаг ву-кх иза.
Кхобург
Сох кхарда гIерташ и велахь, дохковер ву иза. Маттана и мел шера хиларх, сайх кхарда мегар доцийла дIахоуьйтур ду ас цунна.  Ямарта кураниг, иштта къамел хьайн могIарерчаьрга а, хьайн нийсрхошка а дийр ду ахь.
(Поьтре хьожуш) ХIара а ву юьхк санна лаьтташ, шен накъосте иштта къамелаш дойтуш, шайна луъарг дойтуш.
Поьтр
Суна гуш, хIуммаъ ца дира цхьаммо а. Ас иштаниг могуьйтур дацара. Герз баттара доккхур дара. Бахьана даьлча, со тур дика ластор долуш ма ву.
Кхобург
Со хIинцаъ, оьгIазъяхна иэгош ю. Боьха дозалхо!..Со хIунда ю кхузахь?
Сан хьомсарчу йоIана хаа лууш ду, хIун дагахь ву хьо. ЙоI Iиехаяр товш дац, оьздачу стагехь.
Ромео
Собар де, Кхобург. Цкъа делахь, йоIе маршалла дIалуо. Ас дош ло…
Кхобург
Ас эр ду цуьнга. Йоккхайийр ю иза.
Ромео
ХIун эр ду ахь? Ас аьлла хIуммаъ дац.
Кхобург
Хьо тоьшалла деш ву, эр ду ас.
Ромео
Ала цуьнга, цхьа бахьана лаха,
Делкъехь  ваша  Лоренцо волчу йуола.
Цуо тхойшиннан мах а бийр бу къайлах.
Йицлур-м яц хьо? ДIаиэца хьайн  йал а.
Кхобург
Ахь хIун дуьйцу? Суна йал ца оьшу.
Ромео
ДIаиэца ахь хьайна схьалушъерг.
Кхобург
Дика ду, делахь.
Делкъехь ас дIаялор ю и цига.
Ромео
Ахь килсан кевнехь жимма делахь собар.
Бу  цхьаммо хоьга цига муьшан лами кховдор.
Цуо аьтто бийр бу ирсан боьххье вала.
Хьуна ас тIаккха лур йоккха ял а.
Кхобург
Дала Iалашвойла хьо!ЛадогIахь цкъа соьга…
Ромео
ХIун боху ахь, Кхобург?
И стаг тиешаме вуй-те? КхозлагIниг хIунда оьшу?
Со цхьа теш тоьур ма ю.
Ромео
Болатал чIогIа тиешаме ву иза.
Къобург
Дика ду делахь. Сан йоI… Сан Дела, сан Дела! И жима йолуш… Кхузахь гучуваьлла Парис бохуш цхьа жима стаг ву, цуьнга сатуьйсуш. ЙоIана иза оьшуш вац хьуна. Хьо бен цуьнан дагахь кхин хIума дац. Хьан цIе йохуш, ша-шиеца къамелаш до.
Ромео
Соьгара маршалла луо цуьнга.
Кхобург
ХIаъ, эзар маршалла.
Ромео дIавоьду
Поьтр!
Поьтр
ХIун боху ахь?
Кхобург
Сан мохтухур иэций, каде хьалхавала.
Ший а дIадоьду

5-гIа сурт. Капулеттин беш.

Гучуйолу Джульетта
Джульетта

Кхобург ас исс даьлча дIахьажийра.
Цуо  элира: тоьур ду  ахсахьт.
Галморзахдала церан йиш ма  яц.
Кхуьнан буолар хьалха санна дац.
Нагахь кхоллабеллехь цIена биезам,
Ойла цуьнан хьадал хила йиеза.
Ю и маьлхан зIенарал а чехка.
ХIинца-м малхо а делкъахан ю гойтуш.
Сан Кхобург яц цигара схьайогIуш.
Кхехкаш делахьара цуьнан цIий,
Буьрка санна дIасауьдур яра,
Тхойшинан лаамаш кхочушбеш.
Ткъа хIинца, ша къанъелла ю бохуш,
ЙогIуш хир ю, шен хIилла а лелош.
Гучудолу Кобургий, Поьтрий.
ХIара ю-кх, сан хьоме хьо Кхобург!
Керла хIун ду? Гирий хьуна и?
ДIавахийта Поьтр.
Кхобург
 Вало кевне гIуо
Поьтр дIавоьду.
Джульетта
ХIан, Кхобург? ХIунда ю сел доьгдоьхна?
Хьайн хаамаш самукъане белахь,
Хьан гажаро талхабо-кха уьш.
Кхобург
КIадъелла со. Жимма садаIийта.
Когаш хьалха санна  могаш  бац.
Джульетта
Ахь беъначу хазчу кхоанна ас,
Къона сайн меженаш дIалур яра.
Кхобург
Сиха ю хьо! Салиецаро хьийзош,
Бала  хьоьгуш, гIора кхачийна.
Кхобург
КIорда  ца до хьуна, тийжамбан?
Юх-юха и дуьйцуш, йойъу хан.
Ахь даьхьначу гIуллакхах хIун хили?
Алахь, тIаккха сатийрдара сан.
ЛартIехь дуй вай дIадолийна гIуллакх?
Кхобург
Хьайн хаьа хьуна цуьбнан лар. Айхьа, сох дага а ца йолуш, хаьржина ахь иза.
Со бехке яц. Дан хIума дац…Юхь-сибат а, дегIан куц товш ду цуьнан. Куьйгаш а, куогаш а ала хIума доцуш ду. ДоIанаш дан диеза ахь, сан жиманиг. Делкъие йиъний аш?
Джульетта
ХIан-хIан. И дерриг суна хууш дара.
Махбар а, той а – и хьахийрий цуо?
Кхобург
Иэккха болуш санна, корта лозу.
ГIодаюкъ а, сан гIодаюкъ!
Иштта ахь со яллал хьовзаярна,
Дала хьуна тIаккха гечдийр дуй?
Джульетта
Хьо гIелъялар суна новкъадаьлла.
Дашо Кхобург, дийцахь: цуо хIун аьлла?
Кхобург
Ша дика, оьзда, хаза стаг хиларе терра,
Цуо  элира… Мичахь ю хьан нана?
Джульетта
Сан нана мичахь ю? Кху цIахь ю-кх.
Мичахь хир яра иза? Ахь хIун дуьйцу.
«Мичахь ю хьан нана?» - аьлла цуо?
Кхобург
Ватта, сан Дела! Собар доцуш ю хьо.
Со гIелъелла. ТIаккхахула хьуо
ГIуолахь, хьайна хаа луург хатта.
Джульетта
Ма лазам бу хьо! Ромеос хIун боху?
Кхобург
МозгIар волчохь даре далур дуй хьоьга?
Джульетта
Далур ду.
Кхобург
Делахь хIета, Лоренцо волчу хьада,
Цигахь йийр ю  хьох Ромеон зуда.
ЦIий карзах а даьлла, ю хьо йогуш.
Хьо йолчу сихвелла волчу цунна,
Муьшан лами каро биеза суна.
Йоккхастаг ю массара а хьийзош.
Яда сиха тIаьхьа а ца юьсуш.
Джульетта
Йоду, хьомениг! Хьан Iодикайойла!
ДIабоьлху.

6-гIа сурт. Ваша Лоренцо волчохь.
Гучуволу ваша Лоренцо а, Ромео а.
Ваша Лоренцо
Кхана дагахьбаллам ца хилийта,
Мах бан оьшу, хила ма-беззара.
Ромео
Аминь! Кхана кхунах хIуъу хиларх,
Тахана Джульетта ган йиш хилча,
Ирсе  ву со.  ДоIанца тхан куьйкаш
Вовшахтуоха. ТIаккха вала кийча,
Со хир ма ву, и сан дола яьлча.
Ваша Лоренцо
Чехкачу шовкъан чаккхие  луьра хуьлу.
Туолам хиетарх, хила тарло иэшам.
Тоьпан молха оьккхуьйтуш ду цIаро.
Мерза хиларх, моз къахьдала тарло.
Чам совбаьлларг чомах а ца кхиета.
ТIех комаьрша а, бIаьрмециг ма хила.
Дикалла  ю барам хууш хилар.
Гучуйолу Джульетта
Схьакхечи и. Ког оццул байбелла
Кху экъанаш тIехула ца лелла.
Биезаман са хуьлуш хир ду дайн,
Иштта дайн ду гезмашин тай.
Джульетта
Маршалла, сан синан да Лоренцо!
Ваша Лоренцо
Ала диеза, Ромеона баркалла.
Ромео
Алахь, Джульетта, хIинца сайниг санна,
Ирсах дуьзна детталой хьан дог?
Иштта делахь, суна ца карийна
Дешнаш алий, дийца вайгара хьал.
Джульетта
Шовкъийн барам, хиесто оьшуш буй-те.
Цуьнан къеллин дешнаш оьшуш ду.
Сан безам и  шорбелла, совбаьлла
Цуьнан ах а бийцалур бац соьга.
Ваша Лоренцо
ХIинца чехка кхочушдер вай гIуллакх.
Шун шовкъечу къамеле ладоьгIча,
Мах банза шуьшиъ дуьтийла яц.
ДIабоьлху

КхоалгIа дакъа

1-ра сурт. Майда.

Гучуволу Меркуцио а, Бенволио а, хьадал а, ялхой а

Бенволио
Доьху ас, дIагIо вай, Меркуцио.
Йовха ю. Массанхьа Капулетти.
Цхьа  буохам а хила   тарло хIинца,
Тевнехь карзахдолуш кхехка цIий а.
Меркуцио
Трактир чуваьлча:«Дала ма дохьийла!»,
Олий, тур стоьл тIе охьадуьллий,
ШолгIа кад ойъуш, бахьана а доцуш,
Цунах катухучарах тера ву хьо.
Бенволио
Иштта ву со?
Сан хьомениг, Италехь массо а санна
Сиха а, аьрха а ма ву хьо.
Бенволио
Вуй техьа?
Меркуцио
Вац  тIаккха? ХIара шеквуьйлу! Доцу бахьанаш а лоьхуш, хийлаза бехк боцу нахаца тийсалуш верг хьо ву-кх. Дагадаийтал ахь: малхехь дижина Iуьллуш долу хьайн жIаьла сама а доккхуш, йовхарш тоьхначух хьо латар а, марха дастале керла духар тIедуьйхинчу бедарштоьгучух латар а, шен керлачу мачех тиша чимчаргIаш дихкинчух латар а. Суна машаре хила Iамош ву-кх хьо.
Гучубовлу: Тибальт а, кхиберш а
Бенволио
КапулеттигIар бу.
Меркуцио
Бала а бац.
Тибальт
ТIаьхьахIитта суна, доттагIий! ХIокхаьрца
Цхьа-ши дош аьлла, къамел дийр ду ас.
Меркуцио
Цхьа-ши дош? Хьажахь хIокхуьнга, суна
Моьттура, хьо цкъа-шозза туоха воллу.
Тибальт
Аш бохург дан со даима ву кийча,
Шайгара цхьа бахьана  далийта.
Меркуцио
Бахьана далийта диеза?
Тибальт
Меркуцио, хьо Ромеон гIеранца  вуй?
Меркуцио
И бохург хIун ду? Тхо урамехь лиела пондарчаш ду-м ца моьтту хьуна?
Моттахь, ас хьо хIара Iад а Iуьттуш, халхавоккхур ву. Хаза-м хьаха ду! Цхьаьна гIеранца дуй?
Бенволио
Нахана юккъехь эрна гIовгIа йечул,
Юьстах довла, я синетеме  дийций,
ДIасадовла. Нах бу вайга хьуьйсуш.
Меркуцио
Хьовсийта шайна. БIаьргаш ма ду церан.
Со дIагIур вац хIокху меттигера.
Гучуволу Ромео.
Тибальт
ДIадовла, хIара ву ас хIинца лоьхург.
Меркуцио
Ахь лоьхург ву? Ткъа цуо хIун дан диеза?
Хьо лиетачохь, хьан мостагI хила виеза.
Тибальт
Ромео, хоьга даггара ас боху:
Доцца аьлча, хьо ю боьха хIума.
Ромео
Ахь и аларх,  бехк ца буьллу хьуна.
БIарзвина хьо оьгIазлонан  хьуно.
Вехийла хьо. Со боьха хIума яц.
Схьагарехь, со хьуна вевзаш  вац.
Тибальт
Даимана   карзахвоху со  ахь.
Сан сатиедан хьан  дешнийн ницкъ тоахь,
Тамашийна хIума хир ду тIаккха.
Ромео
Бакъдац и. Ас цатам ца бина хьуна.
Кестта хьога кхочур хаза кхаъ.
Цуо чIагIдийр ду вайн и гергалонаш.
ДоттагIий санна къаста вай, Капулетти!
Ца хаьа хьуна, мел хьоме ву хьо суна.
Меркуцио
Цавашарна муьтIахь ю стешхалла!
Ас цIийца цIандийр хьох долу эхь!
Мукадехкий лоьцург Тибальт, стенга воьду?
(Тур баттара доккху)
Тибальт
Хьуна соьгара хIун оьшу хIинца?
Меркуцио
Цхьа са оьшу хьан исс синах цицган.
Цицган паччахь, дисна бархI са а оьшу.
Баттардаккха чехка хьайгара тур!
Тибальт
Кийча ву со!
(Тур баттардоккху)
Ромео
Меркуцио, саца!
Меркуцио
ХIан, накъост. ХIинца мичахь ду хьан хилларг?
Леташ бу
Ромео
Бенволио, хьайн тур баттардаккхий,
Юкъаиэккхий, къаставе и шиъ!
Тибальт! Меркуцио! Эхь ду шуна!
Эло дихкина ду, Веронехь лиетар.
Сацахь, Тибальт! Меркуцио!
Ромеон куьйга кIелахула Меркуциона чов а йой, шен накъосташца къайлаволу Тибальт.
Меркуцио
Iоьтти! Шу шина а цIенна Iаьржаун хуьлийла!
Шена чов хиланза ведда и.
Бенволио
Йоккха юй хьан чов?
Меркуцио
Йоккха яцахь а, тоьур йолуш ю.
Мичахь ву хьадал? Вада лоьре кхайкха.
Хьадал дIаводу
Ромео
Сатуоха, чов хьан дукха кIорга-м  хир яц.
Меркуцио
Яц дера. ГIунаш кхул а кIорга хуьлуш, килсан кевнаш хуьлу кхул а шуьйра. Суна-м хIара тоьур йолуш ю. Хьо кхана соьга кхайкхахь, эр ду хоьга: и идда ваьлла. Сайна тоъал дуьне диъна ас. Шун ший а цIа Iаьржауно хьойла! ЖIаьла, мукдахка, цициг! Валлал човъян адамна! Ямартхо иэхьдоцу! Жайнаш доьшуш, латар Iамийна! Хьо юкъа хIунда гIоьртира? Хьан куьйга кIелахула човйира цуо суна!
Ромео
Со шу къастон гIиерташ ма вара.
Меркуцио
Бенволио, со цхьанхьа дIавигахь.
Со кхетамчуьра волуш ма ву хIинца.
Шун шина а цIенна Iаьржаун хуьлийла!
Шу бахьанехь сох нIаьнийн даар хилла.
Дерриг хIаллакьхилла!
Бенволиой, Меркуциой дIавоьду
Ромео
Сан доттагI ву и, элан  гергара стаг.
Со бахьанехь чов а йина цунна.
Ас атта лайра Тибальтан и дешнаш,
Сайна  иза  гергара хиетарна.
Джульетта, хьо бахьанехь догкIеда,
Хуьлуш  ву со.
Бенволио юхавогIу
Бенволио
Ромео, вайн Меркуцио дIавели.
Цуьнан майра са мархашка дели,
Ца  дешаш кху лаьттах къаьстина.
Ромео
Ирча  де! И цхьа адам диер а,
Хиндолчунна вуон билгало ю.
ЮхавогIу Тибальт
Бенволио
Гой хьуна, цIийх вуьзна Тибальт а вогIу.
Ромео
Дийна а волуш, нахала а ваьлла?
Важа вийна? ДIатиелахь,  дикалла!
Со  хьан хир ву хIинца, оьгIазалла!
Тибальт, дIаиэца  айхьа соьга аьлларг.
Меркуцион са ца кхиъна генадала.
Хьо шена тIаьхьа кхиаре сатуьйсуш.
Я хьо, я со цуьнца дIагIур ву.
Тибальт
Хьо бен гIур вац. Дийна волуш а
Цуьнца хьо лелла. ТIаьхьа гIуо хьо!
Ромео
Хьовсур ду вай!
Лата волало. Тибальт охьавужу.
Бенволио
Вада, Ромео! Чехка! ГIалахой
Бу кхуза богIуш. Тибальт вийна ахь.
Хьо виен кхел йийр ю. Вада кхузара.
Ромео
Кхоллам боьлу сох!
Бенволио
Вада чехка.
Ромео дIавоьду.
Гучубовлу гIалахой.
Хьалхара гIалахо
Мича вахна и зуламхо Тибальт?
Меркуцио велла. Схьалаца и сийдоцург!
Бенволио
ХIара ву шун Тибальт.
Хьалхара гIалахо
Ас дIахьиедо хьоьга:
Хьо лаьцна ву. ТIаьхьахIотта суна!
Гучуволу эла а, цунна тIаьхьарниш а.
Эла
Мила ву хIара дIадолийнарг?
Бенволио
Сийлахь эла, нийсонца таллам байта,
ХIокху  цIийIаноран бехк  а къастош.
Кхузахь  Iуьллу Меркуцио вийнарг,
Биекхам беш иза Ромеос вийна.
Капулеттин хIусамнана
Тибальт! Тибальт!Сан хьоме вешин  кIант!
Ва стаг! Ва эла! Ва хьо ирча иэшам!
Вайн гергачуьнан цIий Iанийна, эла!
Бекхам  биехьа чехка Монтеккина.
Лаьтташ ву и сийдоцу стагвийнарг!
Эла
Мила вара хIара дIадолийнарг?
Бенволио
Кхузахь Iуьллу, Тибальт ву бехкениг.
Цуо Ромео чIогIа сийсазвира.
Шен халахиетар дагчохь а сацийна,
Ромео гIоьртира цуьнан сатиедан.
Амма, Тибальт карзахвуьйлура.
ТIаккха Меркуцио юкъавелира.
И шиъ тасавелча, доладелира.
Цхьабосса веха и шиъ лийтира.
Уьш сацо гIерташ, Ромео а вара.
Цуьнан пхьарсан кIелахула Iуттуш,
Тибальта чов йина, Меркуцио вийна.
Тибальт веддера. Юха веара иза,
Карзахвелира  Ромео  тIаккха,
Со ца ларош и шиъ дIасакъасто,
Лен чов хилла а вуьйжира Тибальт.
Иштта бакъдерг ду-кха кхузахь хилларг.
Тоьшаллина ас сайн дахар дуьллу.
Капулеттин хIусамнана
Монтеккин цIийна ву и. Уозабиезам
Бу цунна коьрта, бакъдериг а доцуш.
Уьш ткъех стаг хилла хир ву цунах лиеташ.
Схаьлацахь, эла, стагвийна Ромео.
Бакъонца ву и таIзарца виен виезаш.
Эла
Шех биекхаман  герз хилла Ромео.
Меркуциох  жоп хьан дала диеза?
Монтекки
Ромеон массарел кIезиг бехк бу.
Шен доттагI виер доькхуш хилла и.
Вайх муьлххачо а бийр бара и биекхам.
Эла
Ша шиегара цуо и биекхам  барна,
Генавала  виеза вайн махкана.
Сан гергарчийн Iожалла хиларна,
Шун девнаш а суна кIордийна.
Ас массарна тухур ма ду гIуда.
Шуна хуур сан собаран мах.
Шун тийжамаш оьшуш бац-кха суна,
Цара  шун бехк байболуьйтур бац.
Нагахь вайн мохк ца битахь Ромеос,
Iожаллех и цхьаммо ларвийр вац.
Майда цIанйе! Велларг а дIахьо!
Стагвийнарг кхоор – иза виер ма ду!
ДIабоьлху.

2-гIа сурт. Капулеттин беш
Гучуйолу Джульетта.
Джульетта
Чехка  уьдуш хилча цIеран говраш,
Сан даггара хохкуш хьоркуна.
Малбузехьа кхаьчна уьш хир яра,
Кху лаьтта тIе бода баржийна.
Биезаман буьйса, дIасауоза шаршу,
Ромео къайлах со йолчу чувогIуш.
И хилийта гуш-хезаш а воцуш.
Серлонгахь церан  беснеш йогуш,
Билгал  хуьлу биезамах верг вогуш.
Биезам, буьйса бIаьрзечунах тера
Хуьлуш ма йу.  Буьйса чехка йуола.
Иэшнарг тоьлла хуьлуш волу ловзар,
Шиннан цIена хилар Iалашдеш,
Кхехкаш долчу цIийнна хIун дан диеза?
Къинойх биезам муха ларбан биеза?
Iамадиехьа суна, Iаьржа  буьйса!
Йуолахь, буьйса! Ромео, схьавуола!
Сан де, хьо буса лиепаш долу луо.
Йуола, сийлахь йолу йеза буьйса!
Йуола, хьайца Ромео а валош!
Схьало и соьга.  Иза  велча, тIаккха,
Кескаш йина, седарчий де цунах.
Массарна тIаккха йезалур ю стигал.
Малх а, де а тергалдийр дац цара.
Биезаман цIа иэцна ас, делахь а,
Со кхечунна маго гIерташ бу.
Дезчу денна кечам бечохь тегна,
Керла духар тIедуха ца мега.
Иштта хьал ду. ЙогIуш ю сан кхобург,
Ромеох цхьа хаза  хаам бохьуш,
ТIаккха   муьлхха а мотт хуьлуш шера.
Карахь муш а болуш, гучуйолу кхобург.
ХIун хаам бу, кхобург? ХIара хIун:
Ромеона муш?
Кхобург
ХIаъ, муш бу
( лаьтта  охьакхуссу муш.)
Джульетта
Хун ду хилларг?
Кхобург
Вайн Iожалла! Къематде! И вийна!
Вийна, сан хьомениг, вийна и,
Вийна, миска. ДIакхелхина и!
Джульетта
Иштта къиза йу техьа стигланаш!
Кхобург
Стигланаш яц. Хьан хьоме Ромео ву.
Со ю Iовдал! Хьан моьттур дара?
Джульетта
Ма хьийзайе со. Дийций ялахь чехка!
Ромео велла ша-шена а тоьхна?
Бакъ ду, я дац? Дукха дах а ца деш,
Ирсе йина, я йийна дIаяккха со.
Кхобург
Некха тIера чов, ма дохьийла Дала!
Цхьа Iам хиллал  охьаихна цIий!
Йуьхь а яра чIогIа басаяьлла.
И гича, со йисира цецъяьлла.
Джульетта
Сан дог! Ма чIогIа карзахдаьлла,
Айхьа гулбинчу бахамах даьлла.
ПаргIатонна къовлалолаш, бIаьргаш!
Цхьана кошехь Ромеона юххехь
Со дIаерзайойтур ма ю ас.
Кхобург
Тибальт! Тибальт! Хьомсара Тибальт!
Цуьнан къамел! Цуьнан оьзда хилар!
Хьо давалар муха ловр ду ас!
Джульетта
ШайтIанан мох  чехка хьийза баьлла?
Ромео а вийна, Тибальт дийна вац?
Майрачух со яьлла? Вешех яьлла?
Джабраилан зурма  йекаш яц?
Уьш дIабевлча, мила висна дийна?
Кхобург
Тибальт вийна, Ромео ву дийна.
Тибальт вийна, махках ваьлла и.
Джульетта
Ромеос Тибальтан цIий Iанийна?
Кхобург
ХIаъ.Тиешахь, ца тиешахь а Iанийна.
Джульетта
ХIай, шех и лаьхьа хьерчаш болу, колл!
Безамечу куьцех болу, саьрмак!
Маликан васт иэцна долу, шайтIа!
Харцкхоккха!
УьстагIан кхакханца луьра борз!
Йаьсса хIума! Галморзахалла!
Цхьана дегIехь сийдацар, цIеналла!
Хазчу  цу адаме муха кхаьчна
Шалхо  йолу амал  шайтIанан?
Ша-шена  цIетоьхнарг муха кхаьчна
Вайн хIусаме? И хьан кхайкхана?
Кхобург
Божарий бу эхь а, сий а доцуш.
МоттаргIанаш, аьшпаш цаьргахь бу.
Кху сингаттамаша со, йоккхастаг,
ХIаллакйо. Ромеона эхь ду!
Джульетта
Ахь хIун дуьйцу!
Ромеона эхь дац. Эхь ду, цунах
Хьакхаяларх эхьхиетар.
Ас и хIунда чиехавора хIинцца.
Кхобург
Хьайн ваша вийнарг хиесто виеза ахь?
Джульетта
Мар емал ван сан хIун бакъо ю?
Цу мисканна, шен зудчо ца аьлча,
Довха дешнаш  муха  хезар ду?
Изаъ зуда хилла кхо сахьт даьлча.
Ахь, зуламхо, вийна сан шича!
Нагахь оцу девнехь вийнехь цуо хьо,
ХIинцачул а хир дарий дика?
Сан бIаьрхиш, шу хьалахьовда юха.
Сан ирсана ца оьшу шу лиеда. 
Тибальта виен лерина, сан мар
Дийна висна. Тибальт воьжна Iуьллу.
Дерриг  чекхдаьлча,  со хIунда йоьлху?
Кхоам бу Тибальтан, цул а хала
Ду схьахезнарг – сан мар махкахваьлла.
Цхьа  эзар Тибальт  валарал деза,
Суна ду Ромеох къаста диезар.
Нагахь санна  хIара бала кIезиг
Хьайна хиетахь, ала: «Елла нана,
Я да сан велла.Я ший а дIадаьлла».
Амма,  Тибальтан валар а дицдеш,
ХIунда  ахь: « Ромео эккхийна?»
И ду, массо а дIаваьлла бохург:
Да-нана, Тибальт, Ромео, со а.
« Ромео эккхийна!» - доза доцуш бала!
Сан  да-нана мичахь ду те,  ала.
Кхобург
Тибальтана тийжамаш беш ду.
Лаахь, ас уьш болчу юьгур ю.
Джульетта
Ца оьшу, кхобург. Байта тийжамаш.
БIаьрхишца Ромео верзалур вац.
Къайлабаккха хIара муьшан лами.
Суна  тIекхача дог-ойла йолуш,
Бинера и, хIинца оьшуш бац.
ДIахьо и, кхобург, Iуьллур ю со меттахь,
Iожалле  хьоьжуш, везачун метта.
Кхобург
Дика ду. И мичахь ву, хаьа.
Сатеден хьайн. И карор ву суна.
Джульетта
Цуьнан цIаза-пIелгах чIуг а йоллий,
Iодикаян вуола ала цуьнга.
Ший а дIайоьду.

3-га сурт. Ваша Лоренцон чоь.
Гучуволу ваша Лоренцо.
Ваша Лоренцо
 Гучувала, декъаза Ромео!
Сингаттамна виезавелла хьо.
ГIайгIанах хьайн зуда йина ахь.
Гучуволу Ромео.
Ромео
ХIун хаамаш бу, ваша?
ХIун сацам бу? ХIун бала бу-техьа,
Соьга кхин а гергало дан лууш?
Ваша Лоренцо
Хьо бакъ ву. Хьуна юххехь хьийзаш
Баланаш бу. Элас а шен сацам кхайкхийна.
Ромео
Къематдийне  сан  дов цуо хьажийна?
Ваша Лоренцо
ХIан-хIан, хIунда? И сацам бу кIеда:
Виен ца вуьйш, хьо махках ваьккхина.
Ромео
Къинхиетам бай, виен кхел йина ала!
Iожаллел ду деза, махках валар.
Махках валар хьиеха а ма диелахь!
Ваша Лоренцо
Верона йита йиеза ахь. Сатуоха.
Дахар  чекх ца долу. Хьо ма вуоха.
Ромео
Верона йоцчохь, цхьанхьа а дац дахар.
Жоьжахате, таIзар, баланаш.
Дахарера эккхор, синах валар –
ХIун ю царна юккъехь башхалла?
Иштта хаам соьга бечу хенахь,
Кечдина сан корта дегIах къасто,
Виелакъиежаш  кховдадо ахь диг.
Ваша Лоренцо
Вайн Iадатца виен виезачу, хьуна
Къинхетамца ваха бакъо йелла.
БIаьрзе ву хьо, и дика ца гуш.
Ромео
ХIун къинхетам? Бу и къиза биекхам.
Сийна стигал ю Джульеттин долахь.
ЖIаьла, дахка, массо а садолу
ХIума  ю Джульетта ган йиш йолуш.
Ромео вац. Кхелли тIера мозий
Ду сан йоцу бакъо шайгахь йолуш.
Царна мега ца магийнарг суна –
Оцу  кIайчу Iаламатна гонах
Хьийзаш, цуьнан куьйгах хьакхадала.
Со эккхийна аьлла, махкахвала.
Ткъа мозий ду хIокху мехкан дай!
Махкахвалар – валар дац, а  бохуш,
Соьга  деса  къамел  даран метта,
ДIовш малийна я логах урс хьокхуш,
Со ахь вийнехь, суна гIолехь хиета.
Махкахвалар! Махкавалар! – бохург.
Бу и жоьжахатехь хьоькху мохь.
Ткъа хьо, мозгIар, доттагI, хьехамча,
Со махкахваьккхинарг лери ахь?
Ваша Лоренцо
Iовдал, соьга а алийтахь цхьа дош.
Ромео
Махкахваккхар дийца воллу хьо.
Ваша Лоренцо
 Хьан гIуллакх ду вайша хьахо диезаш.
Ромео
Хьайна хууш доцург, ахь ма дийца!
Хьо со санна къона, жима хилча,
Джульетта йиезаш, мах а бина, цуьнца
Сахьт далале Тибальт айхьа вийча,
Хилча  хьо со  санна хьоьгуш бала,
Диезаш кху хьомечу махкахвала,
ТIаккха соьга хьайна хиетарг ала,
Бакъо  йолуш хила мегар хьо.
Хьайн коьртара месаш ийзош, тIаккха,
Керчар вара хьо кошан барам боккхуш.
НеI йетта.
Ваша Лолренцо
НеI йетта. ХьалагIатта. Чехка, Ромео!ДIалачкъа!
Ромео
ХIунда! Чекх са ца гучу гIайгIанан пен бина,
Со иштта а массарах дIалачкъийна.
НеI йетта.
Ваша Лоренцо
Хезий хьуна, неI йетташ? ДIагIо!
НеI йетта.
Мила ву цигахь? ХIинцца. – ХьалагIатта.
Лоцур ву хьо. Дехьа чу дIагIо.
НеI йетта.
ХIинцца! ХIинцца! Собар дац!
Мила ву цигахь? Мила оьшу шуна? Мичара ду шу?
Кхобург  (сцени тIехьара)
Схьаеллахь неI, тIаккха жоп лур ду ас.
Джульеттин кхобург ю со.
Ваша Лоренцо
Марша йогIийла!
Чоьхьайолу кхобург.
Кхобург
Веза ваша, мичахь ву Ромео, сан Джульеттин мар?
Ваша Лоренцо
БIаьрхиша вахийна, цIенкъахь Iуьллу.
Кхобург
Иштта Джульетта а ма ю Iуьллуш.
Ваша Лоренцо
Вовшийн дагара хаар.
Синош гергара хилар.
Кхобург
Иштта йоьлхуш Iуьллуш ю-кх,
Iуьллуш ю-кх, йоьлхуш. Хьуна мегар дац!
ХьалагIаттахь, къонах, хьалагIаттахь!
Хьо къонах ма ву,  хьо воьлхуш ца тов.
Ромео
ЭххI, кхобург!
Кхобург
 ХIаъ хьуна. «эхI»!
Массо а вала диеза,
Iожалех вада меттиг бац.
Ромео
Кхобург, Джульеттех дерг дийца суна.
Сох цхьа зуламхо тарвелла цунна?
ЦIий  Iаний ас, вийна  цуьнан шича.
Могуш юй и? Муха Iаш ю, мичахь?
Тхан захало цуо къобалдой хIинца?
Кхобург
ХIун дийца ас? Шийлачу маьхаьрца
Йоьлху, гIоттуш,  тIаккха  метта йолуш.
«Ромео» бохуш, юха «Тибальт» олуш.
Ромео
Ромео!
Сан цIе ма ю цуьнан Iожалла.
Цуьнан шичина  ма-хиллара.
Алахь, вайгахь мичахь йеха цIераш?
Церан бен ас хIаллакьбийр  бара.
(Тур баттара доккху.)
Ваша Лоренцо
Куьг сацаде, лартIехь хила! Ала:
Къонах вуй хьо? Зуда санна воьлхуш.
Экха санна бIарзлой чухьодуш.
Зудчух тера йолу боьрша хIума.
Адаман сибатехь экха ду.
Ахь со цецваьккхи. Суна моьттура,
Хьо кхечу нахал дуккхаъ гIолехь ву.
Ахь Тибальт вийна?
Делахь хьуо виен виеза?
Хьох яьлча, яла кийча йолу зуда?
ХIун бехк бу хьан цIийнан,
Ахь сийзаздечу лаьттан,
Стигалан а хIун бехк бу?
Хьоьга кхачадайта ца гулделла
И дерриг а хьан оьздачу кийрахь.
Хьайн схьавалар, хьекъал, безам а,
Хьайга кхаьчначу цу бахамах
Пайдаиэца ца хууш, хьо лиела,
Чохь садоцчу тайнагах тарвелла.
Майраллица ахь и ден ца дахь,
Хьан биезамах йиш яц пайда бала.
Мелхо    тарло цунах зулам дала.
Ледарчу салтичун карахь иэккха,
Тоьпан молха санна ду хьан хьекъал.
Иза хьуна, бохамах ларвала,
Некъ хилийта делла ма ду Дала.
ГIатта, адам!
Хьан ирсана  Джульетта ю дийна!
Хьо виен гIоьртина,  Тибальт ахь вийна.
Юхаъ ирс ду. Аьттонаш бу дукха.
Хьайн кхолламна хила виеза муьтIахь.
Тховса хьо Джульетта йолчу  гIуо,
Хьажа цуьнан  деган лазам байбан.
Буса гIаролхо долалучу хенал
Хьалвалий, Мантуе дIагIуо.
Цигахь Iиелахь, цхьа аьтто а баьлла,
Шун шина цIийнан юккъехь машар баллалц.
Хьуна бакъо йоккхуш цIехьа верза,
Дехар ду вайн хIинцачул а мерза.
Кхобург, ахь дIаала, хьалххе дийша.
Наб иштта а йоьуьйту бIаьрхиша.
Ромео, ша йолчу вогIийла.
Джульеттига ахь дIахаийта.
Кхобург
Ва,  Дела! Ва, Дела! Сахиллалц Iийр яра
Хьекъалечу къамеле ладоьгIуш.
Хьо вогIур ву, ас дIаэр ду цуьнга.
Ромео
Цуо аьлларг дан даим ву со кийча.
Кхобург
ХIара чIуг цуо яийтина хьуна.
ТIаьхьа ца вуьсуш, дIаван хьажалахь.
(ДIайоьду.)
Ромео
Кху дерригено юха денви со!
Ваша Лоренцо
ДIагIуо. Декъал хуьлда буьйса. Хаа
Сахилале хьо Мантуехь хила виеза.
Цига ялхо, наггахь  бохьуш  хаам,
Хьо волчу ас дIавоуьйтур ву.
ДIагIуо хьайна.Диканехь вай гойла!
Ромео
И йолчу сихонца со дIавоьду .
Ваша  Лоренцо, хьан Iодика йойла!
(ДIабоьлху.)
 4-гIа сурт. КапулеттигIеран хIусамехь.
Гучубовлу: Капулетти а, цуьнан хIусамнана а, Парис а.
Капулетти
Граф, боккха буохам хилла тхуна.
ЙоIаца оха къамел ца дина.
Тибальт массара а лоруш вара.
Iожалла кхайкхаза кхочуш ю.
Ханъялла хIинца. Джульетта а тховса
Кхуза  вай долчу охьайуссур яц.
Хьо ца хиллехь, со вижна хир вара.
Парис
Тезет йолчохь  захало ца дуьйцу.
Шайн йоIе маршалла дIалуо.
Капулеттин хIусамнана
ДIалур ду ас. Цуьнга хоттур ду.
Тахана и чIогIа балехь ю.
Капулетти
Парис, сайн йоIах дерг дика хаьа суна.
Цуо ахь бохург  кхочушдийр ду хьуна.
Аьлларг ца  дан иза яьхьар яц.
Яло, зуда, алий кечъе иза.
Кхаарин дийнахь… Тахана хIун де ду?
Парис
Оршот
Капулетти
Оршот?
Жимма хьалхе хуьлу. Кхуьур дац вай.
Делахь, еарехь, ахь цуьнга ала,
Диезар ду Парисан  цIартIеяла.
Хьо хир вуй кийча? Реза вуй ткъа хьо?
ГIовгIа йоцуш, ши-кхо накъост волуш.
Тибальт воцуш – синкъерам ца хьиехош,
Ши-кхо доьзал кхайхича тоьур бу.
Алахь, хьуна еарин де мегий?
Парис
Кхана догIург делара и де.
Капулетти
Дика ду. Еари дийнахь. ДагIуо.
Ткъа ахь Джульетте ала, махбаре
Кечлуш хила. Граф, хьо марша гIойла.
Ялхой, суна хаьштигца некъ гайта!
Масссеран а буьйса декъал хуьлда!
ДIабоьлху.

5-гIа сурт. Джульеттин хIусам.
Ромео а, Джульетта а.
Джульетта
ДIавоьду хьо? ХIинцаъ са ца хилла.
НIаьвла яц и цу тхан бешахь йекаш.
Зарзар ю и буса эшарш лоькхуш,
Сан хьомениг, зарзар ю, тиеша.
Ромео
ХIан-хIан, иза нIаьвлин дара аз,
Iуьйре юьйла вайна хоуьйтуш.
Мархаш цIиййеш ду Iуьйренан зIенарш.
Буьйса ларъеш,  чиркх а баьгна баьлла.
Лаьмнашкахь  кхолладелла, керла де.
Вахархьама диеза гена вала,
Я буха сецна, Iожалла тIеиэца.
Джульетта
Сих а ца луш, жимма соьца Iиехьа.
Ромео
Схьа а лаьцна, чалтаче со вейта,
Реза  елахь, со а кийча ву.
Хуьлда иштта. Дац и сатасар.
Беттаса ду. НIаьвла яц и йекарг.
Хьоьца висар, дIавоьдучул атта
Суна ма ду. Велчаъ хIуммаъ дац.
Джульеттина иштта лууш делахь,
Къамелаш деш, сахиллалц вай Iийр ду.
Джульетта
Магац! Магац! Сахуьлуш ду сиха.
НIаьвла йека лергаш къордина.
Ша йиш лоькху бохуш, гIовгIайо.
Вовшийн биезарш вовшехкъестабо.
Пхьидан санна ду цуьнан и бIаьргаш.
Пхьидаш-м нIаьвланел а хаза ю.
Сахиллийла хаийти цуо вайна.
ДIасакъаста диеза, вада хьо,
Де  ду цIийлуш лаьтташ.
Ромео
Де цIийлуш ду. Iаржло дIасакъастар.
Чоьхьа йолу кхобург.
Кхобург
Джульетта!
Джульетта
Кхобург?
Кхобург
Нана ю схьайогIуш.
Сахуьлуш ду. Ларлуш хилалаш.
(ДIайоьду.)
Джульетта
Корах де чугIерта, хазахиетар – коре.
Ромео
Марша Iойла! Беша чукхоссало со.
Джульетта
Сан мар, сан доттагI, хазна, хьо дIавоьду?
Сих-сиха хьайгара хаамбе.
Минотехь хир ду масийтта де.
Юха сайн Ромео гале суна,
Къанлур  ю со, бIе шо даьлча санна.
Ромео
Ас цигара, сайн аьтто ма-белли,
Хьоьга хаамаш схьахьажор бу.
Джульетта
Вайшиъ кхин юха ган доьгIний тиехьа?
Ромео
ДоьгIна хир ду. ХIара баланаш
ТIаккха хир бу вайн дагалиецамаш.
Джульетта
Ва Дела,  цхьа сурт хIоьттира суна.
Бос баьхьна, барми тIе виллина,
Iуьллуш ву хьо марчо хьарчийна.
Ромео
Сингатаммо къиза вайн цIий муьйлу.
Хьо а ма ю юхь тIехь боцуш бос.
Марша Iойла!
(ДIавоьду.)
Джульетта
Кхоллам, хьо бу хийцабала кийча?
Иштта делахь, хьайн лаамца хийца
Цуьнан дахар. ЦIаверзаве и.
Кауплеттин хIусамнана
(сцени тIехьара)
ЙоI, хьо хьалагIаьттиний?
Джульетта
Хьо мила ю? Нана, хьо юй и?
Йижанза ю хьо? Я самаяьлла?
ХIун оьшу хьуна хIокху Iуьйрана?
Капулеттин хIусамнана
Джульетта, муха ю хьо?
Джульетта
СабIарзделла сан.
Капулеттин хIусамнана
Тибальтан йоьлхуш хир ю хьо.
БIаьрхишца иза юха денлур вац.
ГIеххьа виелхар – и ду виезаш хилар.
Совнах тийжар – Iовдалла ю.
Джульетта
И дIакхалхар суна деза хилча?
Капулеттин хIусамнана
Веллачунна хьан бIаьрхиш ца го.
Джульетта
Сайн лаамца уьш ас Iенадо.
Капулеттин хIусамнана
Тибальт велла, бохуш хьо ца йоьлху.
И вийна ямартхо хьан дагахь ву.
Джульетта
Мила ямартхо?
Капулетти хIусамнана
Ромео!
Джульетта ( агIорхьа)
Изий, ямартлой цхьана ца догIу.
Далла гуш ду. Цуо санна сан дог
Цхьаммо а  таханалц ца лазийна!
Капулеттин хIусамнана
И хIинца а дийна волу дела.
Джульетта
Дийна ву, тIекхача сан йиш йоцуш.
Тибальтан чIир айса оьцур ю.
Капулеттин хIусамнана
Са ма гатде, оха доькхур ду.
Мантуехь и зуламхо ву боху.
Цига ас цхьаъ вохуьйтур ву.
Юургана юккъе дIовш а тоьхна,
И дIаваккха сан нах ларо бу.
Тибальт волчу хьошалгIа и гIур ву.
Са паргIат а даьлла, хьо Iийр ю.
Джульетта
И Ромео  сайн карахь ца хилча,
Сан сина синтем хир ма бац.
Ромеона дIовш карор ду суна.
И дIадахьа стаг лахийша аш.
Наб  кхиетар ю цунна, паргIатваьлла.
И цIе хазар ма бу боккха бала,
Йиш ца хилча, и  волчу а хьаьдда,
Декъазчу  Тибальтан биезамна,
Маракъовлуш цуьнан садукъдан!
Капулеттин хIусамнана
Кечделахь ахь цунна къаьхьа талу.
И дIахьондерг суна  карор ву.
ХIинца хьуна хIара хаза кхаъ бу.
Джульетта
Кху заманчохь хазахиетар оьшу.
Стенца доьзна ду и, дийца ахь.
Капулеттин хIусамнана
Хьан гIайгIа беш да ву даима.
Хьа самукъадаккха де хаьржина.
Вайна гIенах иштаниг ца гина.
Доккха дезде хьан дас билгалдина.
Джульетта
Дика хир ду. Муьлха де ду иза?
Сан хьомениг, и еарин де ду.
Хаза Парис, ву хьуна хьахийна.
Вай цу дийнахь Поьтран килсе кхайкху,
Цихахь хьоьца махбан лерина.
Джульетта
Поьтраца а, цуьнан килсаца а
Дуй боу ас, со Парисца ца йогIу!
ХIун сихо ю! Килсе лоьхку со,
ТIехаьвзинарг гинаъ воцушшехь.
Баркалла ду. Дега иштта ала.
Маредан  со хIинцаъ жима ю.
Парисе ца йоьдуш,оьшуш делахь,
Ромеога маре со гIур ю.
Капулеттин хIусамнана
ВогIуш ву и. Айхьа ала цуьнга.
Цуо хIун олу, вайшиъ хьожур ю.
Капулетти
Тибальт кхалхар вай массарна Iаьткъа.
Тийжамаш барх, йала гIоле яц.
Вайн сацам ахь бовзийтирий кхунна?
Капулеттин хIусамнана
ДIаэлира. Аьлларг дийр дац,
Вайна баркалла  боху.
Капулетти
ХIан? ХIун?  Ца хеза. Юхаъ алал. Дийр дац?
Баркалла боху? И дика ца кхетта,
Вайл а сийлахь волчу стаге яхар,
Сийлахь  дуйла ца хууш ю хIара.
Иштта вайна карийначу, невцах
Дозалла дан диезаш шуьшиъ йара.
Джульетта
Баркалла боху, дозалла ца до.
Ца диезачух муха до дозалла?
Аш эрна къахьегар хьоме ду.
Капулетти
ХIун маьIна ду! Со цунах вац кхеташ.
Цкъа «баркалла» а, «дозалла» а ду.
Юха « дац дозалла», «баркалла а дац».
И хIуьмалгаш дуьтур ду ахь суна,
Кхиъна яьлла, ненан коча йоI!
Хьан дозаллех, баркаллех ас хIун до?
ТIедогIучу цу еарин дийнахь,
Парисца махбан килсе, диезахь
Муьшца юьхьлаьцна ас йуьгур ю.
Хьо яра суна дуьхьалъяла йиснарг!
Суна хьалха йазйала ца оьшу.
Джульетта
Дада, доьху хьоьга гуорахIуттуш.
 Цхьа дош мукъане соьга алийтахь!
Капулетти
Йист ма хила! Дийцина чекхдаьлла.
Еарин дийнахь килсехь хилалахь,
Ца хилахь, суна  кхин гучу ма яла!
Мотт сацийта! Цхьаъ бен яц вайн йоI,
Бохуш халахиеташ дара шу.
Тоьур ма ду, хIокхо вайгахь латторг!
Iойт, иммансиз!
Кхобург
Дала Iалашдойла! ЙоIах лаьцна
Муха  эр ду иштта тамехь доцург.
Капулетти
Хьайн хьиехамца мича гIерта хьо?
Лулахошка гIой, лиебе хьайн мотт!
Кхобург
Ас эрна ца олу.
Капулетти
Яхийта кхузара!
Кхобург
Бага гIатто а йиш яц?
Капулетти
Лулахошца кемсийн мутт  а молуш,
Iиен хьайн шера и бага лееш.
ХIара  хабарш дуьйцу меттиг яц.
Капулеттин хIусамнана
Дукха сиха ву хьо.
Капулетти
Аш хьервоккху  со. Сан Дела!
Миччахь хиларх, айса хIуъа дарх а,
ХьошалгIахь я цIахь, дийнахь, буса а
Вайн йоIана мар, вайна нуц лахар –
И дара сан дагахь. ХIинца карийна.
Хьалдолуш, тайна, сийлахь ву,
Массо дика шеца долуш, оьзда,
Сатийсамехь, гIенах хила тарлург.
Ткъа тахана цIийза хIара мерIуьрг:
«Ца лаьа! Ца мега! Со жима ю,
Бехк ма билла.» Хьуна ца мегий? Делахь,
Бехк ца буьллу, амма, хIинца дуьйна
Хьайна кхечанхьахь ахь лаха кхача.
Суна хьалхахь  хьийзар яц хьо тIаккха.
Со эрна къамелаш дечех вац.
Ши де ду-кха хьуна ойлайан.
Сан йоI елахь, хьо дIагIур ю маре.
Ца гIахь кхерста, суна генайалий.
Хьайн садукъдан, хьуна дагадагIахь,
Сан  йоI яц хьо, иза дIахаалахь.
Ойлайе ахь, хIара забарш яц.
(ДIавоьду.)
Джульетта
Стигалшкахь а кхин къинхиетам бац-те?
Соьгар бала царна гуш ма бу.
Хьоме нана, со ма эккхайейша!
Баттана, кIиранна тIаьхьатта
Мегар  дац-те и захало аш?
Я со Тибальт волчу охьайилла.
Капулеттин хIусамнана
Дийцина даьлла, Хьайна луург дие.
Йист ма хила. Со а йист ца хуьлу.
(ДIайоьду.)
Джульетта
Ва, Дела! Кобург! Хун дан диеза ас?
Мах а бина, марехь ма ю со.
Цунна муьтIахь хир ю, аьлла дош
Муха юхаиэцалур ду соьга,
Сан мар  стигла хьалавахале?
Со санна декъазчу кху синошна
Кхолламо и гоьмаш хIунда туху?
Алахь, кхобург, хир буй-те синхьаам?
Кхобург
Синхьаам бу. Ромео махках ваьлла.
Хьо йолчу гIуорта иза ваьхьар вац.
ХIинца хьо Парисе  йаха йиеза.
Цуьнца вуста Ромео   кIезиг ву.
Аьрзун санна ду Парисан хьажар.
Хьан мар хIинца дукха генахь  ву.
Цунах хьуна бала пайда бац.
Джульетта
Ахь и боху цIенчу даггара?
Кхобург
Боху дера.
Джульетта
Амин!
Кхобург
ХIан?
Джульетта
Ахь со меттайали.
Охьайоссий, сан нене ахь ала:
Дена дуьхьал хиларх, дохкойаьлла,
Аьлларг дан со хIинца кийча ю.
Кхобург
Чехка эр ду. Дика хир ду иштта.
Джульетта
ХIара ду-кх и дуьххьара къалатор.
ШайтIа  ду и шабар-шибар  деш!
Ромео хастор я  оццу маттахь
Харцо йийца иза емалвеш?
Дерриг хадо! Цу къинах цIанйалар
МозгIаро  сан къобал ца дахь, суна
Кху декъазчу дахарх сиха къаста,
Оьшу молха сан карахь ма ду.
(ДIайоьду.)

ДоьалгIа дакъа

I-ра сурт. Ваша Лоренцон хIусам.
Гучуволу ваша Лоренцо а, Парис а.
Ваша Лоренцо
Еарин де сиха тIекхочур ду.
Парис
Капулетти ву и сихдан лууш.
Цунна дуьхьал со ванне а вац.
Ваша Лоренцо
Нускална хIун хиета хууш вуй хьо?
Диканца чекхдолийла и гIуллакх.
Парис
Тибальтана йоьлхуш ю и даим.
Цуьнца къамелдар ца хили сан.
Тезет йолчохь муха буьйцу биезам.
Цуьнан тийжар хадо лаьа дена.
Маре яхча и сингаттам байбан,
Тарлур  дара моьттуш хир ду цунна.
Тхан  сихонан бахьанах хьо кхийтий?
Ваша Лоренцо (агIорхьа)
БоьгIний техьа бала!
(ЧIоггIа.) ХIара ша схьакехачи.
Чоьхьайолу Джульетта.
Парис
Ирсе хилам, хьо сан хаза зуда!
Джульетта
Вайшиъ хIинцаъ вовшийн долахь дац.
Парис
Еарин дийнахь сан зуда хир ю хьох.
Джульетта
Дерриге а Делан лаамехь ду!
Ваша Лоренцо
Хир дац ишттий бен.
Парис
Ваша волчу даредан хьо еъна?
Джульетта
Со ца йоллу хьоьга даредан.
Парис
Дукха йилхина вуочаьлла хьо.
Джульетта
Хьалхаъ яцара со хьийкъина.
Парис
Аьшпашца хьайн сибат оьший талхо?
Джульетта
Сайн юьхь цкъа а емал ца йо ас.
Сайн сибатан доладеш ю со.
Парис
Хьан сибат сан ду и  ахь ларде.
Джульетта
Хьан долу дела, лардан оьший те.
Ваша, хьо мукъа вацахь, со дIайоьду.
Пхьуйра хенахь юхайолий со?
Ваша Лоренцо
Ма гIуо. ХIинца мукъа хан ю сан.
Ларамениг, ас кхуьнга ладугIу.
Парис
Шайн къамел де. Джульетта,
Еарин дийнахь со кхочур ву.
(ДIавоьду.)
Джульетта
НеI дIакъовлий, соьца жимма велхахь.
Дерриг доьхна!  Сатийса меттиг бац!
Ваша Лоренцо
Джульетта, хьан сингаттам суна бевза.
Хууш вац со вайша, хIун дан диеза.
Еарин дийнахь Парисца мах бан биеза,
Кхочуш ца дан и, сан аьтто а бац.
Джульетта
Аьтто бацахь, дийца а ца оьшу.
Суна гIо дан йиш йоцуш хьо велахь,
Цхьа бехказло каро хьажалахь.
ХIокху уьрсо йоккхур ю со балех.
Тхойшиннан  куьйгаш вовшахтесна ахь,
Сох  Ромеон зуда йина. Ткъа кхечу
Стаге ца йоьдуш, ас хадор ду дахар.
Хьайна зеделларг  дага а лаций,
Сайнчух тера киртиг хиллий хьажа.
Сан  тешаме накъост хир ю шаьлта.
Цуо лардийр ду бакъонца сан сий.
Доцца алий, со яхийта лаьттах,
Я чов ерзош, ма Iанийта цIий.
Ваша Лоренцо
Собар де, йоI! Ойла йича, суна
Дагадеъна цхьа киераме хIума.
Цу Парисе маре йоьдучул а,
Йала кийча ю, бохийца ахь?
Бохамах а, юьхьIаьржонах хьуна
КIелхьаръяла  боккха  аьтто беш ,
Валар санна долу молха ду-кха,
Доьналла оьшу, цунах пайиэца.
Джульетта
Парисе маре ца яхархьама,
БIаьвна тIера чуэккхар ю со.
Талорхошца, лаьхьарчашца Iийр ю.
Ченца гIоьмаш тоьхна леилар ю.
Ца йоьдуш маре йуьжур ю со кошахь,
Я къубба чохь буьйсанаш а йохуш,
Ромеона тиешаме хилархьама,
Кийча ю со, и  дерриге дан.
Ваша Лоренцо
Делахь хIета шеконаш дIаяхий,
Дега  реза хьо хир ю, дIаала.
ТIедогIушдерг кхаарин де ду.
Кхана сарахь кхобург дIаяхийта.
ХIара шиша схьадастий дIамала,
Охьайуьжуш кху чуьра тIуналла.
Кхачадаллалц и дIамелча ахь,
Шийла  тIулгIе хьодур ю хьан дегIехь.
ЦIий соцур ду. Лацалур ю хьо.
СадиеIар а, юхь тIехь бос а боцуш,
Хьо дIатуьйр ю эццахь йелча санна.
Iуьллур ю хьо иштта докъан басахь,
Шовзткъе ши сахьт даллалц. Цул тIаьхьа.
Самайер ю дика набйина.
Хьо самаяккха дагахь Парис веъча,
Хьо, цу хенахь «йелла» хиларна,
Вайн Iадатца догIуш ма-хиллара,
НегIар доцчу яьшки чу йиллина,
Капулеттин къуббе дIахьур ю.
Цига ас схьакхойкхур ву Ромео.
Хьан самаялар оха лардийр ду.
Оццу буса шуьшиъ гена гIур ду.
Кхера ца луш, ас бохург ахь дахь,
Цунах дика тIаьхьие хила тарло.
Джульетта
Схьало шиша! Кхерам а ца буьйцуш.
Ваша Лоренцо
ДIаиэца хIара. Кехат а йаздина,
Мантуе мозгIар вохуьйтур ву ас.
ЧIагIлой, гайта хьайгахь доьналла!
Джульетта
Биезамехь хир ду сан доьналла.
Ваша, хьо  диканца марша Iойла.
(ДIабоьлху.)

2-гIа сурт. КапулеттигIеран  хIусамехь.
Гучубовлу Капулетти а, Капулеттин хIусамнана а. кхобург а, ши ялхо а.

Капулетти
Кху тIехь йазбина ма-хиллара, хьешашка схьакхайкха.
Хьалхара  ялхо дIавоьду, кехат а оьций.
Дикачех ткъа кхачанхо схьакхайкха.
ШолгIа ялхо
ПIелгаш цIубдеш вуйла хьожур ву со.
Капулетти
И хIунда до?
ШолгIа ялхо
Шен пIелгаш цIубдеш воцу кхачанхо
Ледара хиларан – билгало.
Ишттаниг ца оьшу вайна.
Капулетти
ДIагIуо тIаккха.
ШолгIа ялхо дIавоьду
Кху деношкахь бан биезар бу гIайгIа.
Яханий те и Лоренцо волучу?
Делора яхна.
Капулетти
Тарло    цуо и нийсачу новкъа яккха.
Эхьдоцу, къардайна йолу йоI!
Гучуйолу Джульетта
Кхобург
Даредина, меттаеъна хIара.
Капулетти
Мичахь лиелаш яра, дуьхьалъялларг?
Джульетта
Хаттийша цул а, суо мичахь карийна!
Со дохкояьлла дуьхьаъяларна.
Лоренцос чIагIдеш суна тIедиллина,
Хьуна хьалха гуора хIоьттина,
Хьоьга диехар, суна бехк ца биллар.
Делан дуьхьа, хьо къинтIера вала.
Цкъа а хьуна дуьхьал хир яц со.
Капулетти
И дерриг сиха невце ала диеза.
Дах а ца деш, кхана махбан биеза.
Джульетта
Килсех суна и Парис а гира.
ГIиллакххехь  со цуьнца  хилира.
Капулетти
Дика ду, делахь. ЦIенкъара   хьалагIатта.
Хьалххе иштта. Парисе схьакхайкха.
Хьекъале ву вайн килсера мозгIар.
Цундела и  наха лоруш ву.
Джульетта
Кхобург, суна кхана кечлуш духар,
Хоржуш гIо дан соьца схьайолахь.
Капулеттин хIусамнана
Кханаъ доцуш, цу еарин дийнахь
Капулетти
ГIо де, кхобург.
Кхана вай махбийр бу.
(Джульеттий, кхобургий дIайоьду.)
Капулеттин хIусамнана
Кечамаш бан, ларор дуй-те вай?
Садовш лаьтта!
Капулетти
Ма кхиера хьо, ас сайна тIелоцу,
Кечамаш  бан. Гуллакх сихлур ду.
Хьалаялий йоьIан духар харжа.
Хьан метта со бухахь соцур ву.
Же, сихлолаш, кIентий! Цхьа а вац.
ДIасаведда массо. Парис волчу
Ас  суо вахна, цуьнга эр ду: кечло,
Кхана, махбеш, хила  мозгIар волчохь.
(ДIабоьлху.)

3-гIа сурт. Джульеттин хIусам.
Гучуйолу Джульеттий, кхобургий.
Джульетта
ХIара коч ю массарел а дика.
Кхобург, тховса ахь со паргIат йита.
Хьо дIагIохьа, доIанаш а деш
Со Iийр яра, Деле гечдар доьхуш.
Чоьхьайолу Капулеттин хIусамнана.
Капулеттин хIусамнана
Соьгара гIо оьший шуьшинна?
Джульетта
Баркалла, нана.
Кханенна мел оьшург, билгалйина яьлла. Суо цхьаъ йитий, дIагIой, кечам бейша. Хьуна гIодеш, кхобург а хир  ю.
Дан диезарг а цигахь дукха ду.
Капулеттин хIусамнана
Декъалхуьлда буьйса.
Охьайижий садаIа.
И ду, хьуна тховса оьшушдерг.
(Капулеттин хIусамнана а, кхобург а дIайоьду.)
Джульетта
Шун массеран а Iодикайойла.
Хьанна хаьа, маца гур ду вай…
Сан дегI хIинцале шелдала доьлла.
Киераелла  деташ ду сан цIий.
Уьш дIабахча, сингаттам совбаьлла.
Цаьрга кхайкха я ма кхайкха со.
Кхобург! ХIан-хIан, и кхузахь ца оьшу.
Дерриге а ас  айса  дан диеза.
Мичахь ду шиша?
Цу  маларо нагахь гIуллакх ца дахь,
Кхана со Парисе яха йиеза?
ХIан-хIан! Со кху шаьлтано ларйийр ю!
(Шен метта тIе охьайуьллу шаьлта.)
Нагахь санна, хIара делахь талу?
ХIара мелла, со йелла дIаялахь,
МозгIарна  а хир ду  бехказвалар,
Сан, Ромеон къайлах махбарна…
Амма,  иза дика стаг ву бохуш,
Вуьйцуш ма даима кхузахь.
Ромео схьавале, самаялахь?
Кхералур те со цу къубба чохь,
ХIо ца тоьуш, къиза хIуорам хилла?
Со йисахь а дийна, делахь хIета,
Хир буй техьа ира сан синкхиетам,
Боданехь цу Iожаллин дуьненахь?
Муха ловр ду, бIешерашкахь дуьйна,
Сан дайн декъий Iохкучу цу туьшахь,
Тибальтан дакъа а талхадоьлла,
Iуьллуш долчохь и Iадаме суьрташ?
Буса  цигахь убарш гIовту, боху.
Маржа-яI! Цу хьожанех а, аьзнех,
Йуьсур юй-те со хьера ца йолуш?
Хийла ма ву, иштта хьераваьлла.
Хьанна хаьа, ас карзах а яьлла,
Тибальтан и марчо иэтIо тарло,
Чхьонкар санна цхьаьннан варедаьIахк
Караиэцна буохабой сайн корта?
Хьажал, хьажал! Сайн шича го суна.
Ву и уьдуш, Ромео а лоьхуш,
Тур а тоьхна, ша  цуо вийна бохуш.
Саца, Тибальт! Хьо волчу со йогIу,
Ромеона тIиера хIара молуш!
(Кирхьана тIиехьа го и метта охьаюжуш.)

4-гIа сурт. КапулеттигIеран хьешан чоь.
Гучуйолу Капулеттин хусамнана а, кхобург а.
 Капулеттин хIусамнана
ДогIанаш схьаиэций, схьайа мерзаниг.
Кхобург
Кхин а хьайбанаш а, хурманаш а.
(Гучуволу Капулетти.)
Капулетти
Сиха лиела. ШолгIа котам диека.
Iуьйкъехь килсехь горгали бу биекаш.
Торт хIун деш ю хьажа.
Капулеттин хIусамнана
Кху зударийн гIуллакхаш а дитий,
Охьавижа, корта лозур бац.
Капулетти
 Ас  буьйсанаш хийлаза ларйина,
Тховсалераниг а ларйийр ю.
Капулеттин хIусамнана
Мехкаршка бIаьргтуоха лууш ву хьо.
Ас хьо цу чу вохуьйтур а вац.
(Капулеттин хIусамнана а, кхобург а дIайоьду.)
Капулетти
Хьан санна, сан йоI а ю иза!
(Чоьхьаволу кхо-виъ ялхо. Цара чудохьу дечиг, тускарш, эвнаш.)
Сацал. ХIара хIун ю?
Хьалхара ялхо
Юург кечъечунна. Тхуна хIара хIун а ца хаьа.
Капулетти
Сиха лиела!
(Хьалхара ялхо дIавоьду.)
Дечиг тIуьна ду! Мегар дац хIара.
Поьтре хатта: мичахь ду декъа дечиг.
ШолгIа ялхо
Ца оьшу тхуна Поьтр. Тхешан корта бу.
Дечиг долу меттиг карор ю.
Капулетти
Корта бу хьан? Коьртан  метта юьхк.
(ШолгIа ялхо дIавоьду.)
Хьажахь, вайна-м сахуьлуш ма лаьтта.
Веъна кхуза Парис кхочур ву.
Зурманчаш а мукъам локхуш бу.
(Сцени тIехьара схьахиеза мукъам.)
Кхобург, зуда!
Мохь беттарх хезар дац. Кхобург, кхобург!
(Гучуйолу кхобург.)
Же, сиха Джульетта самайаккхий,
Кечъе иза. Парис а схьакхаьчна.
Сиха, сиха лиела мало йитий.
Вайн нуц схьакхаьчна, боху хьоьга ас!
(ДIавоьду.)
5-гIа сурт. Джульеттин хIусам.
(Чоьхьайолу кхобург.)
Кхобург
ЙоI, хьалагIатта! Малх а гIаьттина.
Хьажахь цуьнга! Буьйда набарча!
Собар дие ахь! Ас хьо газанна
Иштта дийр ду! Йист ца хуьлу хьо?
Делахь набъе. Париса наб ца йойтуш.
Хьийзор ю хьо. Ма чIогIа ю наб!
Самаяккха йиеза. Джульетта!
ХьалагIатта! Джульетта!
Парис чувагIахь, Iуьллуш товш ма дац.
Иза-м реза хила а тарлора.
(Кирхьа дIауозадо.)
Бедаршца Iуьллу? ГIатта, кечло!
Юхаъ юьйжи? Бехк ма билла, йоI.
Схьаерзал! Хир дац… схьахьовдийша кхуза!
Ва, Дела! Ва, дела! ХIара йелла!
Сиха орца дала!
(Чоьхьайолу Капулеттин хIусамнана.)
Капулеттин хIусамнана
ХIунда йо ахь гIовгIа?
Кхобург
Ирча буохам!
Капулеттин хIусамнана
ХIун буохам?
Кхобург
Хьажахь! Со ца мега…
Капулеттин хIусамнана
Хьо сан дахар, хьо сан хьоме бер!
Схьахьажахь цкъа самайалий соьга!
Хьоьца йала кийча ма ю со!
Орца дала! Орца дала! ГIодейша!
(Чоьхьаволу Капулетти.)
Капулетти
Товшдоцрг ду!
Нуц схьакхаьчна, йоI гучу ца йолу.
Кхобург
Джульетта йелла! ДIахелхина и!
Капулеттин хIусамнана
Джульетта яц. Джульетта дIаяьлла!
Капулетти
ДIахила! Бакъ хир дац и!
Бос а баьхьна. Ша санна шелъелла.
Сан  Дела, дикка хан ма ю елла!
Чекхдели дерриг! Арахь гIура санна,
Iожалла кху дегIах хьаьрчина!
Кхобург
Ма боккха иэшам бу хьо!
Ма боккха бала бу хьо!
Капулеттин хIусамнана
Хьан дуур ду ахь ца диъна дуьне?
Сан декъазниг, нана лойла хьан!
Капулетти
Цу къизачу, шийлачу Iожалло
Хуорам бина, холчухIоттий со!
(Чоьхьабовлу: ваша Лоренцо а, Парис а, зурманчаш а.)
Ваша Лоренцо
Iуьйре дика хуьлда! ХIун ду кхузахь?
Килсе даха кийча дуй вайн нускал?
Капулетти
ДIайодахь а, юха-м йогIур яц.
Сан кIант, хьан нускал Iожалло дIаийци!
Силам бойна ховха зезаг санна,
Iуьллуш ю. Сунаъ вала лаьа.
КIадвелла со…
Парис
Ас кху дийне сатийсира чIогIа.
Ма Iадаме ю-кха Iуьйре хьо!
Капулеттин х1усамнана
Сардам бахна, ирча, къаьхьа де!
Хьол декъазниг кхин гиний дуьненна?
Цхьа сатийсам, цхьа бахам сан бара –
Сан цхьа йоI – и кхоамза дIаели.
Кхобург
Ва, Дела, хьо гуш дацахьара,
Сардам бахна! Сардам бахна,
Декъаза хьо де!
Ва Дела, хьо гуш дацахьара!
Парис
Со Iехийна, хоттала хьакхийна!
Iожалла, ахь хIаллакьвина со!
Хьо сан дахар! Сан хьомениг хьо!
Капулетти
Хьаьшна ву со. ЗаьIапвина. Вийна.
Тхан дезде дохош, хIунда кхечи хьо,
Бала бохьуш, еъна хала зама?
Бер хилла ца Iаш, сан са дара.
Са дIадаьлча, ас хIун лиеладо?
Ваша Лоренцо
Эхь ду шуна! Тийна Iиэ. БIаьрхишца
Баланехь дан накъосталла дац.
Доьзалан а, стигалан и яра.
ХIинца и стигалан карахь ю.
Джульеттина цигахь гIолехь хир ду.
Iожалех аш йоI ца ларйина.
Стигал цунна лензаллица лиепа.
Шайн йоI цигахь мархашлахь а гуш,
Хаац суна, хIунда доьлху  шу?
Шайн йоI кIезиг йиезаш хилла шуна,
Эхарте и кхачар лан ца луш.
И ирсе хуьлийла, аш дехнерий?
Ирсен мел верг хьалхе леш ма ву.
Белхар сацош, догIуш ма-хиллара,
Кхунна тIе зезагийн жазаш хьорсуш,
Нускал санна килсе дIахьор вай.
ДогIмаш доьлху са кIезиг хиларна.
Хьекъал тулу, онда хиларна.
Капулетти
Ас ловзарна бина хилла киечам,
ХIинца тезет хIотто тоьур бу.
Вайна ца хезаш Iадхьокху пондар,
Килсан  горгалийн  зов хезар ду.
СагIадаккха шун кечдина хилла.
Зиезагаш а коше дохкур ду.
Дерригенах  бIостаналла хилла!
 Ваша Лоренцо
ДIагIур ду вай. Кечлой довла шу а.
ХIара кешнашка дIакхачо йиеза.
(Капулетти а, Капулеттин хусамнана а, Парис а, мозгйар а дIабоьлху.)

Хьалхара мукъамхо
Делахь, зурманаш хумпIарш чуйохкуш,
Вай а вешан цIаццIа даха диеза.
Кхобург
ХIаъ, цIаццIа гIуо шу. И дика хир ду.
Бала беъна, шу ловзочохь дац тхо.
(ДIайоьду.)
Хьалхара мукъамхо
Балех дерг ца хаьа суна.
Кхайкхина хилча, ял схьаяла йиеза.
Поьтр
Мукъамхой, хIай зурманчаш!
Суна товшдерг дан лууш шу делахь,
ДIалакхийша цхьа халхаран йиш.
Хьалхара мукъамхо
Халхара йиш хIунда?
Поьтр
Дог ду сан кху балано цоьстуш.
Чехкачу халхаран йиш лакхийша!
Хьалхара мукъамхо
Цхьа а йиш локхур яц. Лакха аьлла дац.
Поьтр
Локхур яц аш?
Хьалхара мукъамхо
Яц.
Поьтр
ТIаккха ас шуна шайн меттиг гойтур ю.
Хьалхара мукъамхо
Дицделла хьуна хьайн меттиг мичахь ю?
Ву хьо хьадалш  болчохь  хила виезаш.
Поьтр
Ас шун баккъаш тIехь гойтур ма ю
Со хила виеза меттиг!
ШолгIа  мукъамхо
Хьайн шаьлта къайлаяккха!
Ира забарш Iуттуш,
Оьздачу  наха гIуллакх къастадо.
Поьтр
Шуна лаа, Iоттарш йийр ю вай:
« Ца хиндолчу ирсах  хьоьгуш,
Кийра цоьстуш белахь бала,
Мукъаман датон аьзнаша  бен…»
 «Дато аьзнаш» бохург хIун ду?
Алал ахь, Симон Эсан Мерз.
Хьалхара мукъамхо
Дети хаза диекаш хуьлу.
Поьтр
Дика ду! Ткъа хIун хиета хьуна,
Гью, хьо Дечкан Бож?
ШолгIа мукъамхо
Датон  хIун ду? Мукъам лекхча, дети луш долу дела.
Поьтр
ЧIогIа нийса боху. Ахь хIун эр дара, ЦIевза Якъуб?
КхоалгIа мукъамхо
ВаллахIи, ца хаььа суна-м.
Поьтр
Бехк ма биллалахь, хьо эшарш лоькхуш хилар дицделлера суна.
Цхьанна а нийса жоп дала ца хии шуна. «Мукъаман датон аьзнаша  бен» - Мукъамаш лиекхарх деши луш ма дац. «Мукъаман датон аьзнаша  бен,
Сан дагчуьра сингаттам ца байбо».
(ДIавоьду.)
Хьалхара мукъамхо
И хIун шайтIа дара.
ШолгIа мукъамхо
ДIаваккхахь и, Джек! Буфет йолчу гIуо вай.
Хаьштигхой схьабаьхкича, хIума юур ю вай.
(ДIабоьлху.)

ПхоьалгIа дакъа

1-ра сурт. Мантуя. Урам.
Гучуволу Ромео

Ромео

ГIенах тиеша, бакъо йелахь сан,
Доккха хазахиетар туьду цуо.
ДиегIе беъна самукъане ницкъ,
ТIомаваьлла хьийза ма ву со.
ГIенан кхоьлахь Джульетта ма яра.
Ткъа со меттахь велла Iуьллуш вара.
Цуо барт белла, со юхаденвира.
Сох дерриг дуьненан паччахь вира.
И дагабеъча хуьлуш хилча гIоли,
Цу биезамо велларг денвийр ву!

(Гучуволу Балтазар.  Цамзалгаш йолу эткаш  юьйхина ву иза.)
ХIан, Балтазар!
Веронера хаамаш бохьуш?
МозгIарера кехат дуй?
ХIун деш ю сан зуда?
ЦIахь хIун ду? Джульетта муха ю?
Алий валахь сиха. Иза дика елахь,
Дерриге а дика хиета суна.
Балтазар
Джульетта дика ю.
Цуьнан дакъа Капулеттин къуббехь.
Цуьнан са хьоьстуш маликаш ду.
И дIаерзош суна сайна гина.
Хьуна и хаийта, веъна со.
Бехк ма билла, хьох и хаам лачкъо,
Со ца ваьхьна…
Ромео
ХIун элира ахь?
Чехка чу гIой, кехат, шекъа в кечде!
Говраш лехна, новкъа девр ду вай.
Балтазар
Вуоха ца оьшу, лараме сан эла.
Хьан догу бIаьргаш, хийцабелла бос.
Дикане хуьлда и.
Ромео
КIадбоцург ду. Хьайга аьлларг дие.
МозгIаро соьга кехат ца яздина?
Балтазар
 Ца яздина, сан эла!
Ромео
ХIуммаъ дац. Говраш лаха сихло.
Со а кестта хьо волчу дIавогIу.
(Балтазар дIавоьду.)
Джульетта, тахана вай цхьаьна хир ду.
Дан дезачун ойла йийр ю ас.
Бала, хьо ма хьиесап долуш хуьлу!
Гена воцуш вехаш ву дарбанча.
Кху деношкахь гира суна и.
Къоьлло гIелдеш, чIогIа  якхдина,
Шен оза дегI  халла хьулдина,
ТIелхигашца.
Цхьацца бецаш киегош, воллуру и.
Цуьнан тишачу цу хIусамехь
Яра лаьтташ уьнтIапхид а, саьрмик,
ХIордан кхечу цIаьрматийн зIиймаргаш.
Терхеш тIехь гобаьккхина ю лаьтташ:
Кхийра гаьргаш, яьсса баттарчий,
ТIергийн кескаш, бецаш, декъа хIуш.
Доцца аьлча, декъаза пал бу,
Цунах пайдаиэца гIиерта и.
ТIаккха суна дагатесира:
Нагахь кхузахь дохка магош доцуш,
ДIовш а иэшна, аравалахь цхьаъ.
Цу декъазчо иза духкур ма ду.
ХIинца суна гIо дан диеза цуо.
Цуьннан лаппагIа а хIара ю.
Тахана дезде. Къевлина ю хIара.
ХIай, дарбанча!
(Гучуволу дарбанча.)
Дарбанча
ХIун боху ахь?
Ромео
Схьахилахь цкъа. Хьо къиен стаг ву.
ХIара шовзктъе итт дукат ду.
ДIаиэций ахча, суна луохьа дIовш.
И хила диеза, кийра кхоччушехь,
Йоккхачу  тоьпан дIуьданера хIоъ
Араиэккхачу чехкаллица санна,
Стаг волуьйтуш, садеIарх а хадош.
Дарбанча
И тайпа дIовш соьгахь долуш ду.
Амма хаахь, Мантуехь и духкург
ТаIзар дина, хIаллаквийр ма ву.
Ромео
Хьайн къоьллица, ву дахарх хьоьгуш?
Хьан чуэгначу беснеша йуьйцу
Хьан мацалла, догучу бIаьргаша –
Ахь лайна халонаш.
Къоьлло хьох Iад дина.
Дуьне ца тов хьуна.
Цуьнан Iедал хьан ма дац.
Цуьнан Iадато хьо вузор вац.
Цуьнца иэгIий, ца магошдерг дие.
ХIара ахча хьулдай,
Совбаккха хьайн бахам.
Дарбанча
Со вац, сан къоьлла ю ахь бохург деш.
Ромео
Хьуна ца луш, хьан къоьллина ло ас.
Дарбанча
ХIара хIур муьлххачу тIуналлица
Иэйина, цунах цхьа къурд ахь бахь,
Ткъа стагехьчул ницкъ болуш хьо хиларх,
МаьIаргонца вуожавийр ма ву.
Ромео
ХIара деши кхин а чIогIа дIовш ду.
Кхуьнца ду зуламийн орамаш.
Хьо вац суна талу духкуш верг,
Хьуна ло ас цул а доккха дIовш.
Хьайна даар иэций, хьайн дегI кхаба.
ХIара ахь схьаделла дика дарба,
Сайца хьур ду ас Джульетта йолчу.
(ДIабоьлху.)

2-гIа сурт.Ваша Лоренцо хIусам.
Гучуволу ваша Джованни.
Ваша Джованни
Сан ваша! Маршалла хьоьга ду!
Гучуволу ваша Лоренцо.
Ваша Лоренцо.
ХIан, ваша Джованни!
Юхавирзи хьо?
Ромеос хIун боху?
Цуьнгара кехат дуй?
Ваша Джованни
Цомгушчаьрга хьожуш волучарах
Цхьа  мозгIар  сайца вига дагахь,
Цуьнан неIаре со кхочушшехь,
Карантинан низам лардечара,
ДогIа тухуш тхойшиъ чувоьллира,
Iаьржауьнах хьакхавелла аьлла.
Мантуе сан вахар ца хилира.
Ваша Лоренцо
Ромеога сан кехат хьан дIадаьхьна?
Ваша Джованни
Ун схьакхетарх кхоьруш и дIадала.
Ца ваьхьна со. ХIара ду. ДIаиэца.
Ваша Лоренцо
Боккха бала! Забар ма яц хIара:
Доккха маьIна долуш дара кехат.
Цуо и дешахь, буохам хила тарло.
Вало чехка аьчкан ваба лаха.
Иза яьхьаш, со волчу схьавола.
Ваша Джованни
ХIинцца воьду.
(ДIавоьду.)
 Ваша Лоренцо
Къубба йолчу чехка ваха диеза.
Джульетта, цу чохь самаяьлча ша,
Шена  уллохь ца карийча виезарг,
Суна цкъан а къинтера ер яц.
Ромеога кехат а яздина,
ЙоI со волчу схьаялор ю ас.
(ДIавоьду.)

3-гIа сурт. Кешнаш. КапулеттигIеран къубба.
(Чоьхьаволу Парис а, зезагаш а. хаьштиг а карахь долуш, цуьнан хьадал а.)
Парис
Хаьштиг схьалой дIагIо.
Аьлчаъ, собар де.
ДIадайъа хаьштиг.
Со гуш хилар ца диеза.
Хьулла даьгIнаш лаьттачохь дIатаба,
Лерг тIедиллий, латтане ладогIа.
Хьайна шуршур хазахь, шок а туоха.
Зезагаш схьалой, ас бохург дие.
Хьадал (агIорхьа)
Кешнаш юккъехь суо виса со кхоьру.
Ца лаахь а, ца висча ца волу.
(ДIавоьду.)
Парис
Зазалахь беш санна  зезагашлахь
Iуьллуш ю хьо кху мокхазан меттахь.
Хьуна тIехула сайн куьйгаш лоцуш,
БIаьрхишца яшор ю тIулган экъа.
Кхана юхаъ зезагаш а деъна,
Хьуна тIехула ас даржор ду.
(Хьадал шокйетташ ву.)
Цхьаъ вогIуш хир ву.
КIант а ву шокйетташ.
Мила ву-те буса кхуза гIиертарг,
Со ца вуьтуш, сайн ойланашъян?
Хаьштиг дайца?
Со коьллашкахь лечкъа.
(ДIалечкъа.)

Гучуволу Ромео а, хаьштигца Балтазар а.
Ромео
Схьало соьга ваба а, зIокберг а.
ХIара кехат сан дега дIалур ахь.
Хаьштиг  схьалой, кхузахь хIуъа хиларх,
Юьстахвалий, тийна хьо IадъIелахь.
Со къубба чу хIунда воьду, аьлча,
Лаьа сайна гайта цуьнан юьхь.
Коьртаниг ду цуьнан пIелгах долу,
МухIар – из суна деза ду.
Вало хIинца, дага ма даийта,
Ас  хIун дийр ду хьожуш, тергалван.
Кескаш йина цоьстур ву ас хьо.
Тховса хIара Iаьржа буьйса санна,
Дера ву со сецалур а воцуш.
Балтазар
Чехка гIур ву, новкъа ца гIерташ.
Ромео
Таккха сан доттагI хир ву хьо.
Марша Iойла, дика кIант ву хьо.
Балтазар (агIорхьа)
Делахь а, кхузахь дIалечкъар ву со.
Кхераме ду цуьнан хатI, къамел а.
(ДIавоьду.)
Ромео
Iожалла, хьо цкъан а Iебаш йоцу,
Кхаьлли  ахь кху лаьттан тоьлла стом!
ХIинца ас хьан моччагIалш а гIаттош,
Керлачу даарх бузор бу хьан кийра.
(Къуббан неI схьайоьллу.)
Парис
Сан стуншича верна бехкен хилла
Ца Iаш, и Джульетта хIаллакйинарг,
Ша  динчух ца Iебаш, хIинца веъна,
Церан декъий сийсаздан дагадеъна.
(Хьалхахьа схьахуьлу.)
Монтекки, саца, цу чу а  ца гIерташ!
Беллачарна хIун биекхам бийр бу?
Лаьцна ву хьо, йинчу кхиэлах веддарг!
Хьалхавала, хьо виен виезаш ву.
Ромео
ХIаъ, со лийр ву, цундела схьавеъна.
Ткъа хьо жимха, диканца дIагIуо.
Хьераваьлларг карзах а ца вохуш,
Кху шиннан кхолламах масал иэций,
Соьга кхин цхьа адам а ма дейта.
Сайл а дукха хьо виезаш ву со.
Сайна тIехь цхьа таIзар дан со воллу.
Вада, сан доттагI! Вада, дийна волчуьра.
Цкъачунна цомгушчо хьо кхоаво.
Парис
Хьан къамелах со вешаш вац хьуна.
Бакъонца догIуш, ас хьо сацаво.
Ромео
Хьо чIогIаме ву? Велахь, ларлур хилла!
(Лиеташ ву ший а.)
Хьадал
И шиъ лиета! ГIаролхое кхойкху со!
(ДIавоьду.)
Парис
Со лиеш ву!
(Охьа вужу.)
ТIулгах вина вацахь хьо,
Джульетта йолчу охьавиллахь со.
( ДIаволу.)
Ромео
Охьавуьллур.Мила ву хьо? Парис!
Меркуцион гергарниг, хьо хилла-кх,
Сан накъоста, тхо кхуза схьадогIуш,
Вийцинарг соь, даккхий синош дохуш,
Джульеттина мар карийна бохуш.
Я и къамел суна гIенах хезна?
Я ша лечохь, кхо дийхира соьга?
Куьг схьало, цу буохамийн жайнин
АгIонаш тIехь юх-юххехь ву вайшиъ.
Хьо Iуьллур ву кху башхачу кошехь.
Джульеттин  нуьро и серладоккху.
Цунна юххехь хIинца Iилла хьайна!
(Парис къубба чу охьавуьллу.)
Са долучохь цхьаверг воьлуш хуьлу.
Ду и дахаран тIаьххьара ткъес?
Хьо сан биезам! Хьо сан хьоме зуда!
Iожалло хьан са дIадаьхьнехь а,
Хьан  садиехьар ду моз санна мерза,
Хьан  хазалла ца иэшало цуьнга.
Хьан  балдашца, хьан беснешца йогу
Дахаран и дIайоврйоцу цIе.
Хьо а ву, Талибальт,
Кхузахь  юххехь Iуьллуш?
Билгалдолу и хьан марчо цIен.
ХIун дика болх хьуна бийр бу ас?
Хьо вийначу хIокху куьйгаца
Хьо вийнариг дIавоккхур ву ас.
Гечде суна! Хьо хIунда хазъелла,
Хаац суна-м, сан хьоме Джульетта?
Мулкалмото дийна йоллушехь а,
Хьан са даьхьна, аьлла суна хетта.
Кху чуьра со кхин ара ца волу.
Вуьсур ву со кху нIаьнешна юккъехь.
Сайн  кхолламан дукъ охьа а тесна.
Хьовса цуьнга тIаьххьара, сан бIаьргаш!
Куьйгаш, тIаьххьара и маракъовла!
Балдаш, аш чIагIбелаш бартаца
Барт, ас Iожаллица  бина болу.
Сан биезам, хьуна тIера молу ас!
(ДIовш дIамолу.)
Дарбанча, хьо бакълуьйш хилла!
Бартбаларца ле со.
(Ле.)
(Гучуволу ваша Лоренцо а. Цуьнгахь стогар а, ваба а, бел а ю.)
Ваша Лоренцо
Гушдоцчу ор чу со ца вужуьйтуш,
ГIо делахь суна, веза волу Франциск.
Хьо мила ву, жимха?
Балтазар
Ма кхиера, суна дика вевза хьо.
Ваша Лоренцо
Далла хастам! Алахь, хьенан хаьштиг
Ду цу чалтар тIехьа  эрна догург
 КапулеттигIеран къубба чохь?
Балтазар
Цу чохь ву, сан хьолада – хьан доттагI.
Ваша Лоренцо
Муьлханиг?
Балтазар
Ромео.
Ваша Лоренцо
Дукха хан юй?
Балтазар
Ахсахьт даьлла хир ду!
Ваша Лоренцо
Соьца цу къубба чу схьавола.
Балтазар
Ца мега. Нагахь со кхузахь сацахь,
Вуьйр ву аьлла, чIагIо йина цуо.
Ваша Лоренцо
Делахь хIета,  суо чувоьду со.
Буохам хиллий техьа аьлла, кхоьру.
Балтазар
Коьллаш юккъехь Iуьллуш, суна гира:
Ромеос летта цхьа цавевзарг вийра.
Ваша Лоренцо
Ромео!
(Къуббана тIевоьду.)
Веза Дела! Хьенан цIий ду техьа
Экъанаш тIехь буора тача йинарг?
ЦIех дуьзна ши тур а хьенан ду?
(Къуббана чуволу.)
Ромео! Бос баьхьна ву! ШолгIаниг?
Муха, граф Парис? ЦIийх вуьзна ву?
Муха къасто диеза хIара гIуллакх?
Джульетта а самайели.
(Джульетта самайолу.)
Джульетта
Ва, мозгIар, мичахь ву сан мар?
Кхеташ ю суо мичахь хила йеза.
Цигахь ю-кх со.Стенгахь ву Ромео?
(Сцени тIехьа гIовгIанаш йовлу.)
Ваша Лоренцо
Хезий хьуна, чувогIуш ву цхьаъ.
Уьнан, Iожаллин кху бенара
Чехка арадалий, дIагIо вайша.
Сайчул онда болчу, кхечу ницкъо
Хаам бина вайга, дIагIо вайша.
Хьан когашкахь Iуьллуш ву хьан мар.
Цунна юххехь Парис а ву Iуьллуш.
Сихое. Хьох  зуда-мозгIар хир ю.
ГIаролхо схьакхачале ахь сихое.
Джульетта
Хьуо дIагIо. Со хоьца йогIур яц.
(Ваша Лоренцо дIавоьду.)
Цуо буйнахь къуьйлург жима шиша ду.
ДIовш а мелла велла? Хьажахь цуьнга,
Дерриг дIамелла, суна а ца дуьтуш!
Цуьнан балдаш тIехь и дисна хир ду.
Цуьнан балдашна ас барт лур бу,
ТIаккха цунна тIаьххье дIагIур ю.
(Ромеона барт ло.)
Ма довха ду балдаш!
Хьалхара гIаролхо
Мичахь ю меттиг? Схьагайтал и тхуна.
Джульетта
Цхьа аьзнаш ду хезаш. Чекхдаккха диеза.
 Цхьадика шаьлта аю
(Ромеон шаьлтанах катуху.)
Хьайн батта чохь хила.
(Шена шаьлта Iутту.)
Кхузахь хила, ткъа со лийр ю.
(Ромеон докъа тIе охьаюжу. Ле.)
Чоьхьабовлу гIаролхохой. Цаьрца хьадал а ву.
Хьадал
ХIара ю и меттиг хаьштиг догучохь.
Хьалхара гIаролхо
Кхузахь цIий ду.Кешнашках карийнарг
Схьалаца муьлхххаъ.
Ирча сурт ду хIара!
Парис ву велла Iуьллуш.
Джульетта цIийлахь ю, дIайоьллина
И  де даьлча а йовха.
Схьакхайкхийша эла.
Капулетти, Монтекки схьакхайкха.
Къуббана го бе.
ХIорш муха белла, къасто диеза.
(Масех гIаролхохо Балтазар а валош схьавогIу.)
КхоалгIа гIаролхо
МозгIар схьалаьцна. Воьлху узарш деш.
Цуьнгахь ю: метиг а, аьчкан ваба.
Хьалхара гIаролхо
Бахьанаш хиларна дIа ма хиеца.
(Гучуволу эла, шена тIаьхьахIиттина нах а болуш.)
Эла
ХIун ца оьшу буохам бу те  хIара,
Кху хан йоцчу хенахь самавоккхуш?
(Гучубовлу Капулетти а, цуьнан хIусамнана а, кхиберш а.)
Капулетти
ХIун маьхьарий ду массанхьа хьоькхуш?
Капулеттин хIусамнана
«Парис», «Ромео», «Джульетта» а –бохуш,
Вайн  цIийнан къуббана го а бохуш,
Адамаш урамашкахь уьдуш.
Эла
ХIун ду хилларг?
Хьалхара гIаролхо
Кхузахь  Ромео Iуьллу, юххехь ву Парис.
Ткъа хIара, сийлахь эла, Джульетта ю.
Селхана дIайоьллина  и яра.
Шелъяланза юхаъ йийна хIара.
Эла
Кху буохамна бехкениг схьалаха.
Хьалхара гIаролхо
Ромеон ялхо а, мозгIар а схьалаьцна.
Каш схьадоьллу вабанаш ю цаьргахь.
Капулетти
Дела! Зуда хьажахь Джульеттига,
ЦIийш а юьзна Iуьллуш ма и!
Цу шаьлтанан ботт Ромеон хаьнтIехь,
Ткъа шаьлта сан йоьIан  дегIах йоллу.
Капулеттин хIусамнана
Бекаш болчу цу горгалин  зевно
Iожалла тIейогIийла хоуьйту.
(Гучубовлу:  Монтекки а, кхиберш а.)
Эла
Монтекки, хьо хьалхе гIаьттинехь а,
Сахилале дIавели хьан кIант.
Монтекки
КIантах къастар даге лан ца делла,
Тахана сан зуда а елла.
Кхин хIун бала беъна техьа суна?
Эла
Хьажал хьо, хьайна гур ду!
Монтекки
ГIиллакх доцурш!
Дел а хьалха  коше ма гIиерта!
Эла
Шайн тийжамаш жимма совцабай,
Кху  хиллачун дуьхие кхача диеза.
Кхуьнан орам, маьIна сайна гича,
ТIаккха ас шу паргIат дуьтур ду.
Боухам хилларш дист ца хуьлуш Iие.
Мичахь бу и шайх шиеконаш ерш?
Ваша Лоренцо
Бехк бацах а, ву со бехкевеш,
Бехкеван сов бахьанаш ду, аьлла.
Лаьтташ  ву-кх со шина сибатехь –
Бехкелорург а, бехкевийриг а,
Бехкехила а, бехказвала а кийча.
Эла
Кхунах  лаьцна хьайна хуург дийца.
Ваша  Лоренцо
Доцца дийца хьожур ву со хIинца.
И Iуьллу Ромео кху Джульеттин
Мар ву, хIара цуьнан зуда ю.
Ас кхеран къайлах махбинчу цу дийнахь
Ромео махках ваьлла, Тибальт вийна.
Шича веллачул, чIогIа халахетта,
Йоьлхуш яра декъаза Джульетта.
И тийжамаш сацо биеза, аьлла
Ахь сацийра, йоI Парисе яла.
ТIаккха со волчу еара и,
ШолгIа  маре ца дайта некъ лаха.
Ша шена туоха и кийча яра.
Цундела сайна хууш ма-хиларра,
Наб кхоьтуьйту молха кечдира.
Елча санна наб кхийтира цунна.
Тховса кхуза  коше вуола, аьлла,
Ромеога  кехат ас яздира.
ТIаккха хIара хир ю самаяьлла,
Шеца зуда иэцна дIагIур ву.
Амма, цу  Джованнин аьтто боьхна,
И кехат дIакхачор ца нисделла.
И хиъча со кхуза ван сихвелла,
Самайолуш йолу хIара миска
Сайца килсе дIайига а лиъна,
Ромео схьакхаччалц цигахь йита.
Ромео, Парис а,  Iуьллуш вара.
Эццахь тIаккха самаели хIара.
Сайн  ма-хуьллу шиега дехар дича,
Кхолламо нисдинарг къобалдина,
Араяла Джульетта ца тиги.
Иштта кхузара сан вада дийзи.
Ша шиена тоьхна йоьжна хир ю.
И ду-кх суна хуург. Кхобург яра
Кхеран къайлах махбинийла хууш.
Сан бехк белахь, кийча ву тIеиэца
Сайна догIу таIзар.
Эла
Ву  хьо даим оха цIена лоруш.
Ромеон ялхо, ахь хIун  дуьйцу тхуна?
Балтазар
Джульетта елла, аьлла хаам иэцна,
Вахара со вайн Ромео волчу.
Говраш хоьхкуш сихонца тхо кхечи
Кху къуббане. Шен дега дIало, аьлла,
ХIара кехат соьга схьакховдийна,
Ша вита  ша, шена гена вала,
Бохуш чехош, со кхера а вина,
Кхузахь ша цхьаъ сецна Iийра и.
Эла
Схьалол и кехат. ХIун яздина цуо.
Мичахь ву, гIаролхо кхойкхуш хилла хьадал?
Парис хIунда веанера кхуза?
Хьадал
Шен зудчун коше зезагаш ша дохкуш,
Цуо эккхийна  генавелира со.
Эццахь хаьштиг карахь цхаь чувели.
Париса  тур баттар даьккхича,
Ас  дIаведда орцадаьккхира.
Эла
МозгIара мел аьлларг, бакъ ду бохуш,
Яздина Ромеос кехат тIехь.
Зуда елла, аьлла хаам хилча,
Дарбанчера шена дIовш а иэцна,
И дIамала шен Джульетта йолчу.
Ша дIавоьду, аьлла яздина.
Мичахь ду шу Монтекки, Капулетти?
ХIун  мах бу ткъа шун мостагIаллин?
Масал ду-кха вовшийн хьагI йолчарна,
Стиглано шу дойъу биезамца!
Сан ши гергарниг дIаваьхьи цуо,
Ас  шен хенахь ца сацорна шу.
Массарна а кхечи кхуьнан ачуо.
Капулетти
Монтекки, соьга кховдадиехьа куьг.
Тоьур  и Джульеттин сине кхача.
Монтекки
Ас  лур ма ду дукха цуьнан сина.
Дашо хIоллам бийр бу цуьнан сийна.
Кху гIаланах Верона мел олу,
Шен сий лардеш, ша дIаяхна йолу,
Джельетта вай цкъан а йицйийр яц.
Капулетти
Цу дашочу хIолламна  юххехь
Лаьтташ хир бу Ромеон а хIоллам.
Эла
Боданехь ду хIара шун маслаIат.
Мархаша ца гойту маьлхан бIаьрг.
Дуьло, ваьшна хилла иэшамаш
Буьйцуш, шуна йийр ю нийса кхиел.
Ромеон, Джульеттин хьокъехь санна.
ГIийла дийцар дуьненчохь кхин дац…
(ДIабоьлху.)




Глоссарий

Аьхналла - нежность
Боьлак - роща
Ваба – лом (инструмент)
ВаредаьIахк- берцовая кость
ГIаролхо – караульный, стражник
ГIоьмаш – ручные кандалы, оковы
ДIуьда – жерло пушки
Дамардарц- вдребезги, в пух и прах
Даредан - исповедоваться
Жаз – лепесток
Жамбалт – боевой топор
Жухарг - ряженый
ЗIиймарг – чучело
Зарзар - соловей
Йовссар – бездомный пес
Къубба - склеп,
Къуьда – лампада, светильник
Ларми – кладовая, подвал
Лензалла – бессмертие
Мунда – пугало
Мукъамхо - музыкант
НIаьвла- жаворонок
Ов, эвнаш – вертел
Омра - приказ
Силам –  цветочный бутон
Синхьаам - утешение
ТIаус – павлин, пава
ТуьтмIаьжг - маска
Убар - упырь
Утаркх- обувная стелька
Уьгазлакх- место для кучера, возничего
ХIоллам - обелиск
ХIуьмалгаш – досаждаюшие мелкие пакости
ХIур – порошок
Хаьштиг - факел
Хаьштигхо- факельщик
Хьоркуна - колесница
ЦIаьрмат – урод
Цамзалг – шпора
ЧIогIаме – настойчивый, упрямый
Чалтар – решетка
Чалтач - палач
Чхьонкар- палица, дубина
Шедаг -  свирель
Шуршур – шорох