Стигал

Абу Исмаилов
Ибрагимов Канта

СТИГАЛ
Роман

Исмаилов Абун гочдар



21.12.2005 шо, Iуьйре
      Мацах со эскарехь волуш, сайна леррина а, тIетаьIIина а Iамийна хилларе терра,  меллаша Iалашонна тIехьажайо ас иччархойн топ, доккха са чу а узу, дIатоь, юха меллаша тоьпан лаг озадо… ХIара ю-кх сан Iалашо, сан дахаран сатийсам а, маьIна а. Ас хIинцца ешначу, «ХIун ду дахаран маьIна?», аьллачу киншки тIехь долчуьнца  цхьаьнадогIуш  а дац иза.
     Оцу киншки тIехь цхьа башха хIума ду техьа? Суна-м дац. Дика, хазалла, синтем шена чохь болчу куьце кхачар - дахаран коьрта маьIна лору и киншка язйинчо. Массийта матте гочйина, чIогIа башха а, пайдехь   ю и  бохуш дуьйцу.  Бакъдерг аьлча, суна-м цхьа яьсса  хийтира и - цхьана а тайпана ойланаш а, синхьийзамаш а бац.  Вуьшта аьлча, хIун хьиехар дийр ду могуш а волуш, хьолах вукъвелла, маьршачу, хьалдолчу Америкехь вехаш  волчу стага? Цо боху-кх: шайна юучуьнца иэшам ма хилийта, алсам садаIа, шайн синтем ларбе, кIеззигчу хIуманашна тIехь мухалле а.  Цул сов шайна шаьш хьоме хиета. Шайн дахар а, могашалла а, синтем а аш ларбахь,  дуккха а шерашкахь дехар ду шу. ЧIогIа  хаза  а, мехала а, хьиехар ду! Муха йоьшур яц иштта киншка? Бокъаллаъ пайдехь хIума хилла и. Ткъа ас, сайн кхиетамехь дахаран маьIна хIун ду аьлча,  муха яздийр дара? Со даладеллачу Америкехь а воцуш, Россехь аьлча а,  шена чохь даима а цхьацца хиламаш хуьлчу,  тIаьххьара  ши тIом хиллачу,  Нохчийчохь вехаш ма ву…  ХIун  «исбаьхьа, куц, дика, хазалла, синтем» буьйцур бу, цул сов язбийр бу?
     Цунах лаьцна яздича а, хьанна оьшу дахаран  и ирча бакъдерг, хьанна луур ду и тIеман сарташ диеша а, доглаза, цунах мах бала а?  ХIунда? Адамашна маьрша даха лаьа. Ишттачу дахарх  лаьцна киншкаш еша а лаьа. Ишттачу тийначу а, тайначу а дахарх лаьцна яздан а лаьа царна. ТIаккха цу киншкех бестселлер хуьлу. Вуьшта аьлча, иза дика йохкало. Наха оьцу диканех а, хазаллех а, синтемах а лаьцна дуьйцуш йолу киншка. Сайн лаамехь  ца дина ас и. Оха бинчу бартаца билгалдина ду, лазархо  могушчарах дIакъастош, чувуллуш меттиг хилча, лоьро чIагIадарехь, дарба сиха а, дика а хилийтархьама, даима а и киншка йоьшуш хила виеза,  аьлла. И дича сиха толур а ву, ваха а луур ду, боху.
     Бакъдерг аьлча, и хаза а,  хьекъале а ю бохуш  механа язйина,  тIейожош йолу, киншка ас хьалха чеккъяллалц ца йийшира, я хIинца а и иэца лууш а вацара. Цхьа  бIе  хиллал и киншкаш со чувоьдучу  камери чохь юьйла хаьара суна.  Амма сан дарбалелош волу лор, ас цунах радиолор олу, чIогIа соьга и иэцийта гIертара. Керла, шорйина арахецна ю, бохуш. Американцаша  вайна дика киншкаш язйо. Ткъа таханлерачу цхьайолчу Россерчу яздархоша язйийриг- оьздадоцург, талоралла ду. Нагахь  санна жимма гIолехь йолу литература нислахь, иза Росси кестта юхур ю бохуш хуьлу, цунна бехке кавказхой а, къаьсттина нохчий бу бохуш…
     Ткъа сан баланаш мичара бу? Нохчашкара,  оьрсашкара, папуасашкара? Сайн Iовдалалла а, аьрхалла  а ю бехке?  Я сан кхоллам бу иштта? ХIунда яздо ас хIара? Сийлахь хила лууш сурт хIоьттина техьа? Сайл тIаьхьа дагалиецамаш бита дагадеъна, кхин гуьнахь ца хилча? Стенах лаьцна яздо ас? Сайн дахаран  я шуьйра кхиетамехь дахаран  маьIнах?     Я сайн девзачу, хуучу дахаран маьIнах? ХIунда?...
       Суна-м хууш ду сайн дахаран маьIна. И дахар чекхдаьлла. Кху тIаьххьарчу шерашкахь  и чекхдолийла чIогIа лиъна суна. Амма,  дахар цхьалха хIума дац. Цо шеца бегаш ца бойту. Наггахь, дерриг а хьайн карахь ду моьттучохь, цIаьххьана хийцалой тIекIелдолу. Оццул яккхий халонаш Iиттаеллийшехь, мичара бели  ца хууш дегIе ницкъ богIий, ваха лууш ойла кхоллало… Ткъа маьIна?  ХIорш-м дешнаш ду. ХIара йоза а айса сайна, дан хIума доцуш, мукъа хиларна, хан яйъархьама, цкъачунна сайн и хан йолудела, цу хено со хIаллаквале яздеш ду.  ХIара  моттаргIа а яц, сий айъархьама а дац. ХIара сан дахаран къиза бакъдерг ду. Со камери чохь ву. Набахтин камера яц хIара. Дарбанан камера ю. Иштта, палата ца олуш, камера олу кхунах. Москвана юккъехь лаьтташ пачхьалкхан хьукумат лоруш ю хIара   радиацица лоьралладен институт. Бакъду кхуьнан тхо чохь долу, ахлаьтта бухахьйолу хIусам дIалаьцна   цхьана Америкерчу  фирмано. Кху чуьра белхахой берриге а оьрсийн мотт буьйцучарех бу, лазархой а вайниш бу. ХIокху  камераш чу гIерташ рогIехь лаьтташ, ахчанаш, даккхийра ахчанаш луш бу.  Доцца аьлча массо а, со санна ваха лууш ву-кх,  дахар а, оцу дахаран маьIна а хIинца-м…
      Делахь хIета   хIара хIунда яздо ас? Сайна бехказлонна я билгаваларна? ХIара таллархьама ца яздо, сайна дерриг хууш  долу дела. Айса суо кхиеторхьама, алархьама яздо. Висхилалуш вац со. ЧIогIа  балахьоьгуш  ву.  Ткъа  ала а лаьа,  цхьана кепара жамI дан а лаьа, сацамаш бан а лаьа. Айса сайна цхьа синтем бархьама, сатедархьама. И жамI а, сацам а нийса, догцIена хир буйла а хаьа суна, хIара йозанаш цхьаммо а доьшур доцу дела.               
      Оццу дийнахь делкъал тIаьхье
    « Историн хьехархо» цIе йолчу романехь коьрта турпалхо  Шамсадов Малхаз Лондонна юккъехь цхьана гIопехь чувоьллина хуьлу, цхьа хехо-китаец бен а воцуш, юург-мерг цуо цхьана гIутакх чохь чу а кхийдош.
    Соьгара хьал а, цхьа жимма башхаллаш бен йоцуш, цунах тера ду. И башхаллаш ю: со  сайн лаамехь схьавеъна, мах а белла, аьлча а, сан меттана цхьамма ахча дIадела-кх, чувоьллина ву. Чоьхьарчу телефонашца лоьрашца зIе ю сан. Цул совнах киснахь лелош йолу телефон а ю соьгахь.  Шамсадовн  санна, мел оьшург Iаьржачу Iаьвнан бист кхаччалц юург яц сан… ЧIогIа ледара бу кхара луш болу кхача. «Къайлах» совнах мах а белла кхача беъна ас кху чу.  Ас иза ата а отий яша а йой, цхьана жимочу кховсургаца сайн кийра тотту. Мацалла бохург кхузахь, со санна РАК лазар долчунна, бегаш бац,  со кхузахь шолгIа нисваларе терра, зеделларг ду сан. И дерриг а дуьйцу, кхача  бааран кеп муха хуьлу гайтархьама.
       Суна чIогIа хала хIума ду иза. Къурдбан таро яц сан. ТIеда къамкъарг ерриге а, екъа къамкъарган лакхара дакъа а дIадаьккхина, доцуш ду… Ца деза суна и лоьраллийн дешнаш. Ма-дарра аьлча, сан некхан лакхахь чутегна, катетер олуш, цхьа Америкера еъна хIума ю. Цигахула  хардеш халла садоьIу ас, хала а, атта а юу, молу. Амма угаре халаниг йовхарш туохар ду. Иза дийца а, дагадаийта а ца лаьа.  Иштта вехачул а, валар гIолехь  ду. Хийлаза айса сайна тоьхна вала гIиртина со, валаре  сатуьйсуш …
       ХIинца иза дIадаьлла, суна ваха лаьа. Ваха виеза. Ваха декхийрлахь ву. ХIунда аьлча суна хIинца хиъна, дахаран маьIна бохург хIун ду.  Сайн дахаран  маьIна хIун ду.  Со биекхам бан декхийрлахь хилар ду иза.   Ас доькхур ду…  Цундела со  кхузахь ву. Дарбадойтуш сайна. Сайн Iалашоне кхачархьама, кIеззиг сан дахар дахдан  лаьа суна. Сан дахаран маьIне кхачархьама. БИЕКХАМ!!!
   
Оццу  сарахь, пхьуьйра  хан чекхъяьлча.
   Сан  йоI яра  хIинцца телефон  етташ.  Иза соьца  даима а зIенехь ю, хIинцций бен дага ца деа-кх суна и. Цхьа шо хьалха,  сайн йоI Австрехь  ехаш хир ю, цул сов Венерчу оперехь йиш локхуш хир ю, аьлла дагахь а дацара. Бакъ а ца хиета! Шо хьалха цуьнан къона дахар а, кхоллам а холчохь бара.  Цуьнан гергарчех дийна висна волчу ас а дIахерйина, дIатеснера иза. ХIинца иза дагадаийта эхь хиета суна. Лаа а ца лаьа… Амма иштта ду-кх дахар!? Юха а цIаьххьана дерриг хийцадели… Мел тамехь ду цуьнан аз. Масане довханиг, гергарниг, аьхнадерг эли цо соьга. Ткъа со дуьхьал гIам-гIим деш, бIаьрхиш а Iенош Iийра… Сайгара хьал цунна туосадаларна кхоьруш, зIе хадо гIоьртира. ТIаккха  SMS яздийра! « Хьо яцахьара, ас хIун дийр дара?!» «Дада,  хьуо Iалашвелахь! Суна оьшу хьо, чIогIа оьшу!»- юха а, буьйсанна юккъехь зIе туьйхира йоIа.
 
  Изза буьйса
Со сихвелла хиллера – «ХIун ду дахаран маьIна?» аьлла йолу киншка башха яьсса а ца хиллера.  Цу юккъера  хIара дешнаш схьаяздо ас: « Ешархошна там беш, яздархочо  лоьху даимана долу бакъдерш а, дахаран маьIна а». «Ешархошна тамбеш», бохург дан ца гIерта со, амма  « даимна а долу бакъдерш а, дахаран маьIна а»- церан ойла ас  цкъан а ца йинера.
   Сайна ма-хуъу вехаш вара. Ткъа хIинца, шех хьалхавала йиш йоцчу чакхене кхочуш, оцу дерригенан  ойлаян дийзи сан - бакъдерг лаха,  маьIна а долуш сайн дахар чекхдаккха. Кхолламо соьга кховдийна долу и гIуллакх ас муха кхочушдийр ду? Массарна а хууш, дан дарба доцуш  долу лазар кхетта  ву  аьлла волу, со воккхастаг, сайн йисна хан токхуш, дарба а ца лиелош, Iаш вара.  Сан цамгар дуккха кIаргъелла,  бохуш  лоьраш шаьш а бара соьх догдиллина. Со суо а вара иштта малвелла,  сапаргIатдаьлла Iожалле ладоьгIуш.   Делахь а  говзанчаша олура,   сан лазар Европехь я Израилехь дарбандан тарлуш ду.  Механа уьттаза йорах Москвахь хир ду.  Иза тиешаме а дац.   И дан ахча дацара сан. Цундела со сайн лаьмнашка дIавахара.  Ткъа цигахь хилларг…  Сан хан чекхъяьлла моьттуш, со хIаллаквина, сох кхарда гIерташ санна… я хьанна хаьа дохкобевллехь а, муха делахь а… Сан жимах волчу кIентан дахаран тIаьххьара  миноташ гойтуш йолу кассета кхечира соьга… И муха дуьйцур ду?! Соьгахь хIоьттина хьал! Сан  кийра кхехкаш бара. Гиний шуна, къаьсттина аьхкенан заманахь лаьмнашна тIехьа малх чубузуш, малхбузе ерриге а йоврйоцу цIе летча санна серлайолу. Амма гуш лаьтташехь жимлой дIайов и. Иштта дIавала виезаш вара со а. И де генахь а дацара. Сан кийрара  цIе дIа ца яйра, мелхо а алу марсаелира - со ваха лиъна  ца Iаш, ваха декхарийлахь вара хIинца, бакъдерг гайта а, бехкенаш хIаллакбан! Цундела сайн йохкалург йоьхкина, шай-кай а гулйина, нехан декхарийла а вахана, Москва схьахьаьдира со, сайн легашкара и лозу меттиг дIаяккхийта.
    Кхераме а дара. Хала а, лазаме а хилла ца Iаш, уггар а буохаме  хиетара цхьалла.  Амма, дахар ловзар дац. Бала а даима сан кийрахь латта йиш йолуш бац. Тахана со цхьа вац, кестта денда хир волуш а ву.  Мухха а делахь а,   кхузаман уггаре  а мехала билгало - ахча а ду сан хIинца.  Ткъа ахчано  Iай Башлама тIехь паста караяйтина бохург, эрна ма ца аьлла. Ахчано  дуккха гIуллакхаш нисдо. Цундела со кхузахь дарба дойтуш ву… Амма коьртаниг кхин ду. ГIо делахь суна, Везан Дела!

22 декабрь, буьйса
 Наб ца кхиета.  Тайп-тайпана Iовдал ойланаш а, дагалиецамаш а  хьийза коьртехь… Ма Iосалла ю и! Бекхамбеш цхьаъ вийна  хIаллакван гIерташ ву со, цу тIехь сайна Деле гIо а доьхуш. ДоIанаш деш, Деле собар а, гечдар а лахьара сайна бохуш хила виезара. Со дохковолу. Бехке ву. Массарна а шаьш динчуьнна Дала гечдойла… Цул сов шен таро хууш хила а ма виеза. Хьалхарчу тобанан заьIапхо волчу,  сох лоьраш догдиллина хилча, ас хIун биекхам бийр бу. Амма суна чIогIа лаьа дIадиекха. Оцу  синан шалха ойланаша а, шиеконаша а садукъдо сан. Цара къийса  а, ваха а ницкъ а ло.  Охьавижна наб кхетийта хьажа виеза. Кхана, аьлча а тахана чолхечу кепара цхьа молха кийра дахийта дезаш ву со.  Ткъа хIинца наб ян еза!
 Оццу дийнан Iуьйре
 Со реза воцуш доладелира де. Юург лучу хенахь вижна висна хиллера со. И-м кIадбоцург дара. Цул а галдаьллера важа.  Радиолоьро зIетуьйхира,  тахана молханаш мер дац аьлла. Соьгарчу хьоле а хьажна Америкера цхьа шатайпана маркхал схьакхача езаш яра, молханаш сан кийра дахийта атта хилийтархьама. Амма и схьакхачанза яра. Совнаха де-буьйса  кху чохь даккха диезар ду. Халахиеташ делахь а, кху чохь дегI дулуш, меженашца болх бан йиш яц. Радиокурс чекхъяьллалц, аьлла радиолоьро. Дан хIума дац, аьлла яздархочо санна яздар бен. Иза а аттачех гIуллакх а ца хиллера. Кху чохь чIогIа меллаша йоьдуш йолу, хан яйъа еза-кх. Ткъа дахар-м чекхдаьлла…
Цхьа  мурст санна… Сан бералла меца а, шийла а дара.
    Сан дуьненчувалар Кызыл-Кум олучу гIамаршкахь нисделла.  Сайн да дага ца вогIу суна… Ткъа нана… цуьнан  шатайпана мела хьожа хIинца а дагахь  лаьтта… Иза  а соьца кIеззиг Iийра. Буобер хиларе терра, берийн цIийне кхечира со. Цигахь,  меца хиларна, цхьаъ лачкъийнера ас.  Кхечу берашна а, баккхийчарна а, хьалхахь чехийра со.ЧIогIа таIзар деш чу а воьллира.  Хала а, лазаме а дара суна и тахана санна дагадогIу,  цхьа инзаре боккха буохам хилла, дуьне доьхна а,  соьгара яьлла ледарло  йицъеш хIума хилахьара, бохуш, ойла йора ас.  ХIинца-м ца лаьа суна. Сайниг со дуьне диъна ваьлла. Цхьан а хьоьгур воцуш, башха ца хиллехь а, сайн кхолламна леткъаш вац со. Кхоллам. Иштта яздина хилла-кх. Со шек а вац. И сингаттам сайх дIахербина ас. Сан цамгар оцу сингаттамах схьаяьлла ю. Лоьраша а иштта боху. Суна сайна а хаьа и иштта дуйла.  Цундела сайн къаьхьа, зеделларг шуна а довзийта а лаьа. ХIара сан йозанаш хьан доьшур ду? Сол тIаьхьа хIокху  сан камери чу нисвеллачо. Цуьнан шен зеделлерг хила а тарло…. Хьанна хаьа? Делахь а  ас лайнарг лайна стаг хирий техьа? Хила а тарло. Со, дерригенах чекх а ваьлла, Iожалла ларъеш ву. Сайн чаккхе сирла  хиларе сатуьйсу ас. Керлачуьн юьхь лара мегар долу чакхе.
    Со ма чIогIа шарвелла - «со»-«ас»- бохуш, сайх цхьа къонах а тарвелла. Телевизоре а хьаьжна, охьавижча тоьлу. Хьажа хIума-м дац: дерриг а дастамалла, ахча, эвхьазлонаш, хьокъалалла.  Царах дозаллаш до, хIордакхалла, эвхьазлонаш а хестайо. Къинхиетам а, доглазар а, кханенах ойланаш а яц. Елахь а, стенах пайда оьцур бу бохург, ду  дуьйцуш. Иштта хила дезий техьа?  ГIайгIане хIунда хуьлу? Синкъерам гIолехь бу! ХIордакхалла*. Адамашкахь а ледарлонаш совъевлла. Нохчашна юккъехь а, халахиеташ делахь, ишттаниш хаало.
      Ткъа зама а,  адамаш ма дара.   Со берийн цIийнехь вара,  хала дара, нанна сагатдора ас. И елла бохучух ца тиешара. Цунах ца кхиетара со. Я кхиета а, тиеша а ца лаьара. Со воьлхура сагатдеш, гондахьа соьца берш массо а бохург санна буобераш дара.  Зама ма яра иштта меца а,  гIийла а. Амма ас сайх ойла йора, хIинций хIинций со дIавига нана схьакхачаре сатуьйсуш, бIаьрхиш юкъехула корах арахьоьжуш Iара со.
     Со дIавига деваша веара. ТIаьхьуо, суо жима воккхахилча, хиира суна и сан деваша хьовх, гергара а я юртахо а ца хиллера. Цхьана цIерпоштаца схьайогIуш тхан  кхетош-кхиорхо хиллера. Оцу вагон чохь цхьа нохчо  нисвелла. Къамеле  бевллачохь шайн берийн  цIийнехь нохчо-кIант ву аьлла, хезча, дуьххьарлерачу станцехь охьа а  воьссина, тхан берийн цIа долчу а веъна, со шен вешин кIант ву аьлла,  шен доьзале дIавигира цуо.  Сан деваша хилла ца Iаш, сан да хилла дIахIоьттира и стаг. Цуьнан шен боккха доьзал а хиллера. Шаьш хала бохкушехь, со тIелаьцна, шайн доьзалхо санна Iалашвеш кхебира  цара.
     Тхан Казахстанера I960-чу шарахь бен цIадахкар ца хиллера. Ваша Гехо, олура ас цунах, шен доьзалца цIаван бакъо ца луш, I957 шарахь указ даьллийшехь, кхин кха а шарахь Iийра со цигахь.
    Сан ялхийталгIа шо дара. Нохчичу дуьххьара со схьакхаьчча. Со хьенан мила ву а хиънера суна хIетале.  Сан дай баьхначу  ломан юьрта нах  хьала ца бохуьйтура хIетахь. Сан цIийнан нах шаьш долчу  со дIавига а гIоьртира, амма ас, ишкол чекхъяккхалц ваша Гехо волчохь витахьара со, элира.  Ишкол чекхъяккхинчул тIаьхьа  ваша Гехос элира соьга, со сайн  дай баьхначу юьртахь ваха  хиъча бакъахь хир ду, аьлла. 
  Цо ша гIайгIа а бина, цу юьртахь ваха бакъо а яьккхина, хьалавигира со.
   Инзаре хаза сурт дара суна гинарг. Курра ирх дахна лаьмнаш, цIена хIаваъ. Оцу хазалло са тIомадоккхий оцу лаьмнашна тIехула хьалаойъуш санна хиеталора. Тхан дай баьхна меттиг цхьана кIажехь, угаре а хазчу меттехь, берда йистехь хиллера. Лахахь кIоргачу чIожахь лаьхьа санна къегаш, хьийзаш хи ду. Оцу хих дIакхиеташ ду тхан дайша Iалашдеш лардина, тхан шовда. Боккхачу  тIулга  кIелара  бухдуьйлуш, бIешерашкахь тийна, лаьттан мутта санна лиеша иза. Туьйранахь санна хила дезар-кх кхузара дахар! Амма, хIетахь цигахь ваха йиш яцара. Нохчашна  лаьмнашка баха  дихкина ду. Я Iиен меттиг  бац кхузахь. Тхан бIешарашкахь лаьттина  йолу бIов йохийна ца Iаш, тIулгаш а  бердах чукхиссина. Некъ а къух даьлла къайла баьлла. Цул сов со эскаре кхойкхуш ву. Со новкъа воккхуш ваша Гехос бехира соьга весет деш санна: « Шун дай  баьхна  меттиг инзаре хаза ю. Шовданан мах бац!  Хьайн декъа тIехь ваха хаалахь. Атта хир дац, ломахь даима къахьиега деза. Амма хьо синтеме а, ирсе а хир ву. Хьайн тIаьхьиенех дозалла а деш, вехар ву».
      И дац ткъа Бакъдерг, Дика, Синтем, Хазалла шена чулоцуш долу , дахаран маьIна? Амма дахар атта дац. Къонахалла а, хьелаш а, гондахьара дахаран бакъонаш а.  Цара мичара вуьтур ву оцу башхачу куьцехь ваха?
     Со эскаре кхаьчна ца Iаш, Тийначу Iапказерчу* флотан хIордан гIашсалтий болчу нисвелира. Эхашарахь де-буьйса ца  лоруш лихкира тхо. Цул тIаьхьа дIасадийкъира.  ХIора  взводехь хила виезаш вара леррина волу цхьа иччархо.  Цуьнан шатайпана хьал дара, кхечарах  къаьстина хила виезаш хуьлура иза.  Сох иччархо  хилийта аьлла,  суна  догадогIушшехь комбат  сол хьалхавелира: «ХIара иччархой болчу  хьажаве.  Топ нийса туху, хьажар а ду цуьнан, массо а кавказхойн  санна ира».
      Цу тIехь сан аьтто хилира. Ткъа цIаван  кечлучу хенахь. Кубина гондахьара кхиераме  хьал кхолладелира. Тхо Iапказехула дIадахара. Дукха пачхьалкхаш  гира. Гаванехь а хилира со. Кхаашерал сов кхин эхашарахь хьиевелла юха Владивостоке схьакхечира. Соьца хилларш дукхахбеш цомгуш хилла  лазартне бахара.  Со сайн батальоне кхаьчча, цхьа кехат  дара цIера схьадеъна, ваша Гехо дуьненчохь вац, аьлла. Кхин соьга кехат яздеш адам дацара… Цул тIаьхьа дукха шераш дIаихна, со цомгуш хилла…  ХIетталц цхьан а лазар хIун ду а ца хиънера. Бакъдерг аьлча, къона а вац. Ткъа лоьраша даима а хотту: хIун лазарш  текхна ахь? Зене долу марзделларг?   Дац- цхьан а, цкъа а   молуш я узуш хилла вац. Цара   юха а хоьтту. Хин бухахула  лелачу кеман тIехь хилла аьлча,  радиаци бехке йо. Суна хIуммаъ  дийр дацара оцу радиацино. Сан  дахар ду-кх кху тIаьххьарчу хенахь  реактор чохь санна…
И дерриг а киего а,  дагахьлатто оьший?  Цул  а дикачу, ирсечу хиндолчух ойла йича бакъахь ду, иза хила тарлуш а ду, оцу ирсе сатуьйсуш ву со. Кестта сох дада хир ву…


22.12.2005. буьйса

    Наб  ца кхиета. Молха а ца дели суна. Де эрна даха. Ткъа и молха  деллехьара гIолехь а, атта а хир дарий? Дацара. ХIетте а со кхузахь ву, цхьана дикане сатуьйсуш оцу лоьрех а, церан дарбанах  дегайовхо  йолуш-м вац. ХIара  сел механа деза дарбанаш лелорах боккха мах а беллачу сайн йоьIан  диехарна дуьхьало ца ялуш волу. Со ца тиеша кхарах.. ХIора цомгашчух пайдаиэца гIертачу, шайн лоьралла  ахчанах  духкуш болчу, вайн лоьрех  ца тиеша. Массо  а лор иштта ву ала  ца гIерта со, лоьраш боцуш а йиш яц вайн.  Амма сан зеделларг…  Со бакъ ца хила а мега… Юха а карладаккха… Мичахь ю юьхьиг а, чакхие а. Суна хIуъу  а хиетахь а, яздахь а, со кху больницехь ву,  бокъалла а аьлча, кху лоьрийн дарбане а,  сайн гIоли хиларе а сатуьйсуш  а ву. Иштта шалха ю-кх сан ойланаш, сан дерриге а дахар санна. Сайна тахана молха  цадаларна, холчухIоьттина а ма ву со. Бахьана хIун ду, сайна хаьа моьттуш а ву со. Кхул хьалха, и молха кийра дохуьйтуш, буохам хилира. Дукха стомма хиларна, катетеран марша чухула чекх ца долура и. ТIаккха сайна хууш ма-хиллара, и капсула ятIийна, цу чуьра хIур стаки чохь хица  иэдан гIоьртича, гIуллакх ца хилира. Делахь а кховсургаца* теттина кийра яхийтира ас. Сан могашаллина хийцам бацахь а, дегIера радиаци совъяьллера. Кха  дийнахь Iилла виезачохь, и метта ца йогIуш, бархI дийнахь  чохь валлийра со. Кхин соьга лан ца делла, холчухIоьттина, со карзах а ваьлла, араваьккхира цу чуьра. Клиникина иза зиенехь ду. Царна хийцалуш керла  лазархой оьшу. РагI  еха ю. Ахча а кIезиг дац.
Ткъа кхузахь де эрна дахна. Мел денош дисна сан?.. Кхоьрий-те? Дера кхоьру. Кху чохь суо валарна кхоьру… Цул тIаьхьа – морг. Цоьстур ву. ХIокху лоьрашна хаа ма лаьа, сох вон хьожа хIунда йогIу. Оцу сайх йогIучу хьожанах вуола хала ду. Муха воьр ву цунах? Некхан лакхахь катетер ю. Цуьнан марш зорха чубоьллина бу. Цу чуьра хьожа сан мерехь ю даима а. Суо вахкалуш хиета суна. Бевзачара шайна цхьа а сох хьожа ца хаало олу. Суна тамехь дерг ала гIерта уьш. Ткъа суна-м гуш ду, нах сайх къехкаш, гена буьйлуш, дегаза батош а сеттош.
Камери чохь хилар гIолехь ду. Амма кхин а дика хир дара лаьмнашкахь, юьртахь. ТIаьхьа хиира суна. Ваша  Гехос баха-м бехира соьга…
Чуьйраш къиекъаш ю сан. Мацвелла? Кхача баар – суна цхьа хала болх бу – куьйгаца кховсург а хьийзош. Тоькаца болх беш ерг а ю сан,  йоIа Германера еъна. Батарейка кхоош ву со. Ткъа сан кийра бузо беза. Муьлха консерваш схьаяста? Кхоам бинехь хIун дара-техьа. Кху чохь со мел Iийр ву а ца хаьа. Сайн зорх Iиехош, хих бузур бу ас. Къиекъар а хир дац, хьожа а кIезиг хир ю. И хи кийрахь дIаса даржалц агIорвала йиш яц. Хи а мелла, агIорваьлча катетер чухула охьа Iиена и. Iуьллучу хенахь катетер меркIелара дIа а йолий, хьожа кIезиг хаало суна.
И катетер кхо бутт баьлча хийца езаш ю. И дийриг сан лор ву. Шовзткъе итт эзар сом – хуьйцург, цул сов катетеран мах а бу I3-I8 эзар сом. Уггаре халаниг, сайн хьожанца цIерпошта тIе, я кеман тIе хаа йиш ца хилар дара.
Соьлжа-ГIалара Москва вогIуш ши эзар чакхарма некъ беш автобусан тIехьарчу гIентахь хIума ца юуш Iара. ХIинца атта ду. ЙоIа вуьжу вагон чохь дийнна купех мах а лой, суо цхьаъ хуьлу со. Бакъдерг аьлча, хIинца со даима а ву суо цхьаъ, цхьа висна… Амма ас сатуьйсу…
ГIелвелла, яздан а гIелвелла. Телевизор латайо ас. Дуьненчохь хIун ду? Тахана-м декабран 22-гIа де. Шерачохь уггаре еха буьйса. Набъе!
Оццу дийнан Iуьйре
Жимма сапаргIат даьлча санна хиетало суна. Тохара ломахь санна ца яхь а,  дика набйо ас. Тахана а халла самавелира. Лоьро телефон туьйхира чоьхьарчу зIенехула. И сан къамкъаргаш цистинарг а воцуш, кхин лор ву. ХIара дарба лиелош ву, дика а, цIена а адам долчух тера и суна хIара. Соьгарчу хьоле хьаьжжина, Америкера кечдина молханаш яздина ша боху. И молха схьакхачаза ду. Цундела хьалха делкъал тIаьхьа капсулаш кечъян еза. Со цецваьлла, гIам-гIим деш ву.  Иза кхийти:
- ХIаъ, ши капсула. Иштта оьшу. ХIинца хьан барам бу иза. Со монитор чухула хьоьжуш хир ву. Иэшахь гIо дийр ду.
- Со реза вац.
- Самагатде. Хьалха санна пхеа кIиранчохь чекхдолу молханах вуолар. Керла шо тIекхочуш кху чохь цхьа а вуьсур вац.
Со резавоцийла ас хаийтича:
- Кхийти со. Шек ма вала. Со хууш ву. 26-чохь араволуьйтур ву хьо. ШолгIачу дийнахь катетер хуьйцур ю. 28-чу декабрехь хьо Вене ваха новкъа вер ву. 30-чохь хьайн йоьIан концертехь хир ву хьо. Ас декъала во хьо! Делкъана капсулаш хир ю хьуна. Аьтто хуьлда хьан!
Капсулаш-м суна дагахь а яцара. Цецваьллера. ХIун концерт хир ю Венехь! ЙоI Австрехь юй хууш ду. Схьаяр ца нисделла цуьнан. Оьшуш а дац, суна иза ган чIогIа лаахь а. Цигара, Европера схьа телефон а туху, шадерриге вовшах а туху цо. Селхана а мосуьйттуза, тахана Iуьйранна а телефон етташ яра. Амма, ас хаам бохьуьйту: «ХIун концерт, Вена? Я сан лор галваьлла?»
«Дада, самагатде, - яздо, - сан сатийсам кхочушхуьлуш бу. Венерчу  опере керлачушеран концертехь дакъалаца кхайкхина со. Цундела дIаяр ца нисделла сан. ХIара Москвахь ву. Цо дан дезарг дийр ду. Ларве хьо! Кестта гаре сатуьйсу ас».
«ХIара» сан нуц ву. Цуьнан мар. Биезамехь, товш жима къонах ву. Цуьнан цIе йохуш товш дац йоIана, соьца къамел деш муххале а. Ткъа суна хаза а хиета, мелла бегIийла а ца хиета, со бахьана долуш нуц Москва веъна аьлча. Къера ву, ас кху тIаьхьарчу хенахь нохчий, ахчанна тIаьхьа бевлла бохуш, емалбо. Делахь а, дерриге а иштта сингаттаме а дац. Сан нуц шен зудчо аларх ца веъна кхуза. Цуьнан дас, сан доттагIчо Маккхала (хIинца сан захало) ваийтина иза. ХIара цуьнан хаам а бу: «ЧIагIло, сатуоха. Хьан молханийн барам сов баьккхинийла хаьа суна. Лоьрашна дика хаьа. Кестта гурд ду вай – хьуна виза а кечйина».
ХIун виза? ХIун Вена? Соьгарчу хьолехь цхьанхьа вахар. Сайн цIа кхачалахьара со. И бу сан сатийсам! Цул тIаьхьа… Дала динарг хир ду. Бакъдерг аьлча, со стенна цецвуьйлу?
ЙоьIан дехарца, со суо ма лелла и «загранпаспорт» даккха гIерташ. Оьшуш долу кехаташ а кечдина уьш чуделла ши бутт баьлча, схьалуш дац и паспорт. Сан гIам-гIимах кхиеташ цхьан а вац. ТIаьххьара хуучара хьиеха а хьехна, кара совнаха хIума елла, схьаийцира. Со цецвийла оьшуш дац. Кхузахь Москвахь онкоцентран холлехь яздина ду: «Оха мах боцуш дарба до. Пачхьалкхе юкъархуьлу. РФ-н Конституци».
Ткъа кху чохь дерригенах мах бала биеза. Цхьа а эхь хиеташ а, кхоьруш а вац. Делах кхоьруш ца хилча, Дела дагахь а ца хилча, стенах кхоьрур бу хIорш? Коьртаниг – ахча ду! Иштта дац ткъа? Ахча ца хиллехь, со хир варий кхузахь? Делахь а, сингаттамениг дитий вай. Вена а, концерт а вайга хьоьжуш… ХIан-хIа радиаци ю-кх. ХIуммаъ дац. Капсулаш кхоллур ю ас. Кху тIаьхьарчу баттахь шеца йод йолу хIума ца юуш Iийна со. Ткъа со иштта кIезиг хIума лалуш ву. ХIокху катетеро гатдина сан пхьор. И капсулаш кийраяханчул тIаьхьа, туьха гича ца мегаш, йодаца кхачо хир ю сан дегIана. Цул тIаьхьа хьогалла хир ю.  Шина дийнахь дог керчар ду боху, дегI малделла хир ву, вуон хьал хир ду. Цунах со воьлла.
ХIинца со суо висарна а ца кхоьру. Мелхо а къеста лаьа. Сан эрчадаьллачу сибатца доьзна хилла ца Iаш, сан кийрара хьалаоьху хьожа бахьана долуш ду иза. Багара къаьхьалла йойъуш, лимон цIубъе аьлла ду. Цундела, иттех  лимон а ю соьгахь. И цIубъяр эрна ду  суна. Ас лимонах мутт а доккхий кийра тотту. Хьогалла дIайолу.
Кхузарчу лорйише хаам бахьийта беза: «Делкъана юург чохь йолчу гIутакх чохь минеральни хи а даийта», аьлла. Дуьхьала яздийр ду: «Оха чIинтехула* схьаоьций молу хи. Ахь мелча дика хир ду. ХIинцачул галдаьлла хIума хир дац хьуна».
И бакъ ду, галдала меттиг бац. Кху чохь чIинтан хи хилла ца Iаш, шишанаш чохь а ду хи. Амма, Далла духхьара ма хетийла, цхьа талу ду-кх… Сан шовдане хьаьжча. Сан дайша мийлина шовда… ХIора Iуьйранна ас катетер чухула хи молу, айса сайн хьоме мерза шовда молу сурт а хIиттош.
Инзаре хIун ду аьлча, со цIахь волчу хенахь оцу катетера чуьра и вон хьожа ца хаало-кх суна. ЦIена шовданан хи, лулахошкара шура, кIалд, сайн моз. Накхарш ду ас лелош. Дерриге цIена! Ткъа цIера а ваьлла, хIара хиш а, консерваш а яа со ваьлча, и хьожа а, Iуьпаш а, дог карча долало, сан дахар холчухIоттош.
ХIинца кхиета со ширачу китайски кицанах: «Адам цо ша юушъерг ду». И цIена бакъду. Iилманчаша а къастийна иза. Буучу кхачано адаман ДНК а хуьйцу аьлла, чIагIдо цара. ДНК бохург хIун ду-м дика ца хаьа суна. ЦIера ваьлча со сайна реза вац, вон хьожа йогIу дела. Ткъа хIинца Вене концерте ваха виеза. Берриге хьовсархой къаьхкар ма бу сох. Цул сов и «концерт» боху дош хезча а вон хуьлу суна. Цунах лаьцна яздан а ца хIутту со.
Кеста делкъе ю. Капсулаш тIеиэца кечвала виеза со. Мелла а сахьийза сан, хIинца суна шалха барам луш хилар а дикане дуй техьа. Дукхах дерг сох лачкъош а ма ду лоьраша. Суна-м сайгара хьал дика хаьа. Дукха хан ца йисна сан. И концерт а, кхи цхьа хилам а хиллалц, кху чохь со дIацаваьлчхьана. ЙоI бахьанехь сахьийза сан! Кхин  сагатдан хIумаъ дац. Кхоллам, кхоллам….. Ца моьттура суна хьо сайца иштта къиза хир бу… Айса хIара дерриге а муха лайна ца хаьа суна. Со дийна хIунда висна, хIунда вехаш ву кху хьолехь? Ваха а лаьа. Иштта ду-кх хIара чолхе а, хала а дахар. Ткъа суна кхин а ваха лаьа, дарба лиеладо бохуш, сайна тIехь хIара таIзар а дойту. ХIинца шалха бараме даьлла. Кечвала виеза.

Из-за де, сарахь
Ца моьттучу кепара, цхьанне а новкъарло йоцуш, ши капсула кийра яхийти, хIуммаъ ца хилча санна. Маха тоьхча санна наб тIегIоьрти. Юха – хьогалла. Цкъа-а-м ца хилла со иштта хьогах, цхьа черма туьха тесна копаста йиъча санна. И хьожайогIу   чIинтачуьра хи сайн чутиттина ши куьг гIелделла сан. Тоькаца йолу кховсург схьаиэца дийзира. ЦIе яьлча санна догура дегI а, кийра а. АгIорвала а йиш яц. И вуон хьожа йогIу  тIуналла катетер чухула юха араоьху. Ткъа суна кхин а чIогIа хи диеза. Тахана мосуьйттаза а сайн цIера шовда дагадеа суна. Цу хиэ тоххарехь яйина хир яра сан хьогалла.
ХIунда веъна со кхуза? ХIунда тийсало со  кху дахарх? Сайн лаьмнашкахь цIахь Iийнехьара. Ма ирс дар-кх! Ма чIогIа лаьа суна цIа ваха. Ма хаза ду цигахь – Даймахкахь!
Ваша Гехос баьхнашшехь, дукха тIаьхьа кхийти со. ХIун дийр дара ас? Тахана а цигахь ваха ца вуьту. ХIетахь а ца вуьтура. Таро а яцара.
Эскарера цIакхечира со. Ваша Гехо а вац. Гергарнаш а кIезиг бу. Киса а деса ду сан. Уггаре а хьалха кешнашка а вахана, ваша Гехон коша тIехIоьттира со. Цуьнан кIентий болчахь а хилира. Цул тIаьхьа сайн дай баьхначу хьалаваха хьаьжира. Ца вахийтира.
Юьхьанца ваша Гехон воккхах волу кIант волчохь Iийра со, гIалин юххерчу цхьана юьртахь. Цигарчу колхозехь болх бира. Алапа кIезиг дара. Горагорске йолчу бурутохаран урхаллехь белхалой оьшу, юкъараIойла а ю, аьлла хаам бийшира газета тIехь. Цу дийнахь со цига вахара. Амма, царна оьшу корматалла яц хьоьгахь. аьлла юха верзийра со. Оцу конторера гIаш схьавогIуш, цхьа киралело машен а сацийн, цу тIехь схьавогIуш вара. Йовха яра. Оьрсийн шофер вистхуьлуш а вацара, цуьнан куьйга тIехь хинкема сацош болу мIара (якорь) хааелла, ас элира, со морфлотехь гIуллакх деш хилла, аьлла. Тхойшиннан къамел тасаделира. Цо соьга элира, нохчий «Грознефте» балха оьцуш бац, цхьа къаьсттина бахьана ца хилча. Алапа лакхара долуш, хьалдолуш контора ю, юкъараIойла а, хIусамнийн рагI а сиха тIекхочу. Республикехь цул гIолехь меттиг яц. Хьо эскарехь хиллачуьра цхьа магоран кехат диеха хьайна. Хьо мичахьа балха ваха лууш ву бохург билгал а доккхуш. Вайн пачхьалкхе белхалойн а, ахархойн а ю бохуш ма ю. И иштта дацахь а, ахь язде, диканиг дан гIерташ, къахьиега лууш ву алий.
Кхин башха дегайовхо а йоцуш, хирг хир ду-кх аьлла, яздира со хиллачу флотан штабе кехат. И яра-кх пачхьалкхе! Соьга ца деара жоп. Республикан коменданте кхаьчна хиллера, со тергал а ве, балха дIа а хIоттаве, аьлла, кехат. Цуо со лаха а лехна, шеца «Грознефть» цхьаьнакхиетаралле вигира. Цигахь со балха иэцна ца Iаш, эскарехь гIуллакхдинчул тIаьхьа хьакъволу хIордахо хилла ца Iаш, хьакъволу белхало хила лууш ву хIара аьлла, республикан газетехь сох лаьцна статья а араелира, хин бухахула лелачу кеман тIехь даьккхина сан сурт а долуш. Со ирсе вара!
Муха ца хуьлу болх колхозерчул а атта.  БархI сохьтехь бича волура, кIиранах ши де мукъа дара. Колхозехь де-буьйса ца лоруш, кхош дIадохуш воллура, баттахь 70 сом а оьцуш. Кхузахь 280 сом а, кхидолу ахчанан совгIаташ а дара. ГIалин юккъехь йоккха сирла чоь яра. Цул совнаха мехкдаьттан институте бIатIаьхьа* диеша дIаийцира со къовсам боцуш. Математика ледара хаарна юьхьанца хала дара. Механизацин факультетехь дийшира ас. Дуьххьарлера  ши сесси чIогIа хала яра. Делахь а, къар ца луш, къахьоьгура ас: библиотекехь Iара, консультацешкахь хуьлура. Доцца аьлча, тIаьхьа кхиира вукхарна. Ткъа ас кхо курс чекхъяьккхина аьлла, институтера справка еъча, со хIинца бакъволу говзанча ву элира. Сан гIуллакхаш тоделира. Байла кхиъна хиларе терра, дахаро ловзийна а, хьистина а вацара со. Даима къахьегар дара, синкъерамаш а, зене марздаларш а доцуш. Цхьа дезденош нисделча, бригадера дукхахберш мелла а маларх кхиеташ хуьлура. Цундела сох дегайовхо яра массеран а. Сайн, бурутохархочун говзалла лоруш а, цунах дозалла деш а вара со. Со а лорура. Ши шо далале сох бригадир хилира. Институтан кхоалгIа курс чекхяьккхича – мастер хIоттийра. Цул тIаьхьа парткоме а кхайкхина, компартин магIарш чIагIдан диеза пролетариато, аьлла, парте ваьккхира. Институт чекхъяккхале со сменан хьаькам, коммунист, баркаллин кехаташ, мидалаш йолуш, хIусамашна рогIехь лаьтташ ву.
Амма сол тIаьхьа балха баьхкинчарна а тIехь дIалуш хIусамаш ю, амма суна цало. ТIаккха со хьаькмаш болчу  а, парткоме а, профкоме а воьду. Массара а хьо зуда ялийна вац, доьзал болчарна хьалхе луш  ю хIусамаш боху.
- Аша кхечу регионашкара  схьабаьхкинчу къоначарна а ма ло квартираш, - боху ас рогIерчу партийни гуламехь.
- Уьш Iалашонца схьахьовсийна къона говзанчаш бу. Царна уггаре а хьалха хIусамаш йогIу, - кхиетаво со.
- Кхечанхьара кхуза говзанчаш хIунда бохкуьйту? Вайн вешан ма ю дика мехкадаьттан институт. Вайн кхузарниш Къилбаседехьа бохуьйту аш. Ткъа кхуза Москвара кегийрхой хьовсабо. Царна кхузахь Iан а, болх бан а ца лаьа. Дика хIусамаш схьа а лоций, цхьа шо даьлча уьш дIа а юхкий, дIабоьлху. Нийса дуй и?
- Хьо вайн партин некъан реза вац?
- Ишттачунна-м вац.
Иза даррехь дуьхьалвалар дара. ДIадаханчу бIешеран 70-гIа шераш ма дара уьш, оццул хан яьлла. Суна хIинцаъ дагабогIу и партийни гулам. ХIунда дира ас иза? Цул тIаьхьа сан белхан тIегIанашкахь кхиар сецира. Ас сайна хиетарг элира, ийза а ца луш. ХIунда? ХIуммаъ хийцаделирий тIаккха? Тахана а Советан Iедал дIадаьллачул тIаьхьа хийцаделлий хIумма а? Мелхо а.  делахь хIета къарвелла, корта таIийна лиела виезар, ялхо а хилла? Дикачу агIорхьа хийцаделла хIума дац.  Мелхо а, суна хиетарехь хьалхачул ледара хьал ду. ХIетахь со вистхилира сайн галдала хIума доцу дела. Тахана, къанвеллачу дийнахь сан гIуллакхийн кхин галдовла меттиг бац. Ас динарг эрна дара. Вист ца хуьлуш IадIийнехь хIусамаш а, орден а хир яра. Я сайн лаьмнашка ваха некъ а бара. Амма иза бихкинера.
ЭхI! Шовданан хи мер дар-кха ас. И радиаци а, хIара дагалецамаш бахьанехь берриге кийра богу. ХIокху хьожа йогIучу чIинтерчу хиэ йойъур юй кийрара цIе а, сан ваха йолу хьогалла а? Даима ваха хIунда лаьа? Цхьана дикане сатуьйсу дела, кхана кхин а сирла хирг хиларх тиеша дела, лаьа-кх.

23 декабрь, Iуьйре
Ши капсула – говран барам бара! Сахиллалц наб ца кхийти. Сахуьллуш дIаелира и хьогалла. Кийрара цIе дIаяйира ас. Мацалла гучуели-кх. Иза дика ду. Лоьраша боху, мацвалар сан хьолехь дика хаам бу. Ца хаьа и дикаллина я вонна ду. Амма айса дийнна цхьа уьстагI буур бара аьлла хиета. Халла марта* схьакхачале сатуьйхи. Кхузахь муха кхобу аьлча…
Лор вара телефон етташ. Радиолор ву и. Радиацица болх беш ву аьлла ца олу ас цунах иштта. Цуьнан кабинет чохь даима  а лекхалуш радио ю. Цуо соьга телефон тоьхча, оцу радион гIовгIано новккъарлоеш, цо дуьйцург дика схьа ца хозуьйту суна. Цуьнга дIаала ца ло соьга и гIовгIа дIаяккха. Ала-м диезара.
ХIара соьгара хьогалла мичара ю аьлла хатта а диезара. Сан и хатта йиш яц. Смс-кина дуьхьал жоп ца ло. Иштта дарба деш бу-кх. Шортта ахча-м дIаиэцна. Бехк баккха стаг а вац. Дерриг а ахчано къастош йолчу пачхьалкхехь дехаш ду-кх вай. Цу декъехь, ас дукхазза чиехош хилла Советски Союз, чIогIа къаьсташ яра. Адамашна юккъехь  мелла а нийсо ларйора цигахь. Амма, хьо мичахь ваха лууш ву – Советски Союзехь, я хIинцалерачу Россехь, аьлла сайга хаьттича, дезткъе уьтталгIа шераш дуьйлалучу хенахь, шиеко йоцуш – хIинцалерачу Россехь, эр дара ас, хIетахь а халонаш хиллехь а. ахчано къастош ду дерриг а Россехь. Ткъа тахана ас эр дара, цигахь я кхузахь ваха луур дацара суна – тамашийна хиетахь а, сан бевза-безарш а и дIаяхана хан дика яра бохуш, цунна сагатдеш хуьлу, суна сайн дIадаьлларг ца деза-кх. Со хиндолчуьнца вехаш ву-кх. И мухха делахь а хила тарлуш долу дела.
Къона волуш айса дан диезаш хилларг тахана кхочуш деш волу дела, со сайн дай баьхначохь вехаш ву. Ас хIун юьйцу? Муьлха дай баьхна мохк? Со камери чу воьллина ву, суна дарба лиелош бу, я суна тIехь цхьа хIума зуьйш бу? ТIаьххьарниг суна сайн хьеречу коьрта чу деъна, тахана радиолоьра кхузза зIетоьхначул тIаьхьа. Цхьана хьалхе кечдина хаттарш луш санна хиетало. Сан жоп дала йиш яц. ГIам-гIим до ас. Цунна со гуш ву. Цо боху: …корта ластабе. Куьг гайта. ХьалагIатта… Батт камере тIе ерзае… Иштта лер са муха ду? Лергашкахь потт юй? Лозий? Кийра букъбеллий? ХIан-хIан? Хи мийла…Алссам хи… Мел мелла хир ду ахь? Шун цIера шовда доцийла хаьа суна. ХIара Москва ю. Мара цIан бан биеза. ЦIанбелахь мара. Айхьа  мерехула  садоьIу моьтташ ву хьо. Мара дIакъевлича хуур ду хьуна. Шеллой хьо? Дерриге а тоьур долуш ду. Радиаци чIогIа лакхара ю. Иза а кхиеташ ду. Юучуьнца хьан шовкъ йолуш дика ду. Хьан дегI лазарца къуьйсуш хиларан билгало ю и. Хьуна делкъана луш болу кхача токхе хилийта эр ду ас… КIадо хаалой хьуна? СадаIа. делкъалц набъе.
Оццу дийнахь, делкъал тIаьхьа
Медйишас халла самаваьккхи со. И дика ду. Суо жимма меттавогIуш санна хиета суна. Мара а цIанби ас. СадиеIар а аттачу дели. Коьртана гIоле хиета. Амма хьожа йогIу. Кхузара кхача бахьана долуш хир ду и. Ткъа токхе делкъе* бохург – котаман чорпий, цхьа котлеттий, бепиг, компот ю. И ерриг а цхьа йоккхачу пхьегIи чохь отий кечйо, качйо. Цул тIаьхьа кховсургаца катетеран марша чухула сайн кийра тотту.
Со меца ву. Суьйранна  пхьор алсам луо, бохуш хаам язбо ас медйише. Ткъа цо жоп ло, меню хIоттош яц ша, олий. Радиолоьре хIуммаъ ца яздо ас. Цунна со реза ву. Даима а самукъане, дог иркараххIоттош ву иза. Тахана цуо боху: - Дика йоI ю хьан. ХIинца зIеетташ яра. Хьан нуц а веънера. Ас хьуна уггаре лакхарчу барамехь кхача ло, аьлла яздина. Цул сов,  хьоьга болчу ларамца сарахь 200 грамм цIен чагIар, я I00 грамм къаьркъа, радиацех кийра цIанбархьама лур ю.
Ас куьйгаш лестадо, мелла а вац цкъа а, я диезаш а вац.
- ТIаккха ас хьан могашаллина тIера дIамер ду. Хьуна набкхоьтуьйтуш долу коча молха доуьйтур ду. ГIоли хилийта хьайна.

Оццу дийнахь, пхьордиинчул тIаьхьа
Уггаре а лакхарчу барамехь кхача!
Сарахь шортта бепиг а, ширъелла ши котлета а. Сан лулахойх цхьамма ца юуш тIаьхьайисна хир ю уьш. Соьга а яалур яц, меца велахь а… Наб кхоьтуьйтучу молхане хьожур ву со. ХIара санна шиша суна гина а дац. Кхечу махкара хир ду хIара.

24-гIа декабрь, сахилале
Набкхоьтуьйтург чIогIа хилла! Сайн операци йинчул тIаьхьа айса хьиегна бала дагаоьху. Мехий деттарх гIоли ца хуьлура. Ткъа хIара бакъдолу молха хилла. Вожийра кхо со. Невцо ца кхоош мах белла хир бу. ХIуммаъ ца хезаш набйина. ЙоIа ворхIазза зIе тоьхна хилла. Маккхала а кхузза тоьхна. Цаьргара хаамаш а баьхкина. ХIинца цаьрга телефон етта тIаьхьа ду. Кхо сахьт даьлла… ХIара цIера юьртахошкара хаам бу. Цигара сан даьхни хIун деш ду техьа? Сох тIаьххьара хьалдолу ламанхо хилла. Пхи никх долуш мазлагIа ю сан. ЖIаьла ду – лулахочо кIеза деллера. Цициг а ду – кIорни долуш схьадеъна, цхьамма схьакхоьссина хила а мега. ЖIаьло шен амал бийр бу. Цициг ас лулахошкахь дитна. Цара яздо, хIора Iуьйранна сан цIа долчу доьдий, со шена ца карийча юха догIу боху. Цхьа чакхарма хиллал юкъ ю суний лулахошний. Амма сан уггаре боккха бахам бу – говраш, цхьа рема хиллал – ворхI корта. Алсам хила а тарлора. ХIора шарахь я черчаша, я берзалоша, я цIоькъаша шиъ-кхоъ хIаллакйо. Суна  лиело хала бац и бахам.
Ас накхармозий тергалдо. Ткъа рема шен лаамехь ежаш лиелаш ю лаьмнашкахула. Аьхкенан екхначу хенахь суна уьш ца гуш беттанаш а довлу. Дукха гена хьалайоьлхий, Башлома кIел кхаччалц бохург санна ежаш лиела уьш. Цигахь буц, кIезиг елахь а, мерза йолчух тера  ду. Ткъа Iай шиело хIоьттича, мецачу берзалойх къаьхкаш со волчу схьайогIу уьш. Ас царна хьаьаш а, сула а, туьха а ло. Сан шовда а цкъа а гIорош дац. Ма хаза ду-кх шен кертахь, шен лаьтта тIехь ваха! ТIаьхьий бен ца хиъна суна и, кхолламо тIетоьтташехь.
Соьлжа-ГIалахь хIусамаш ца елира суна. Зуда яло йиеза олура. Сан гергарчара а изза дуьйцура. Со жима а вацара. Ткъе итт шарал сов дара сан. Баккъала аьлча, зуда яло лууш со суо а вара. Мосуьйттаза хьахийна захало а со реза ца хуьлуш диснера. Цкъа тхан цхьанакхиетараллехь керлачу шарна лерина концерте баьхкина меттигерчу филармонера артисташ бара. Царех цхьа йоI хазъеллера суна. Башха похIма долуш яцахь а, куц долуш, шен болх дукха биезаш яра иза. Церан массо концерташка оьхуш и йиезаелла вара со. Тхойшиъ вовшийн девзира, къамеле делира. Ваши Гехон кIентий реза бацара, артисткех хIун зуда хир ю, бохуш. Амма ас йоIе сайх лаьцна ма-дарра дIадийцира, сайга маре йола а элира. Бакъду, цхьа биллам*  бара, сан зуда сцени тIехь болх беш хир яц.
- Ткъа филармонехь болх бан мегар дуй? – хаьттира цо.
- Ас кхобур ду вай. Алапа дика ду сан, - куралла йора ас.
Тхойшиъ цхьаьнакхийтира. Сайн юкъараIойле схьаялийра ас иза. Цхьа кIира даьлча, мукъа деношкахь ламчу сайн дай баьхна меттиг йолчу йигира и. Ас дийцинера цуьнга цу меттиган хазаллехь лаьцна. ХIуьттаренна санна, цу дийнахь дерз долуш, мох хьоькхуш шийла а яра. Хазалла ца гора.
- Шовда мерза ду, - элира цо, милла иэгош а йолуш. Пхи чакхарма хиллал гIаш некъ бан беза тхойшиннан боккхачу новкъа даллалц. Автобусаш хIетахь лелаш а яц цигахула. Ца оьшу боххушехь, нускал санна лекха кIажош долу туфлеш йоьхна кечъеллера иза. ХIинца ерриге хоттех юьзна.
Доцца аьлча, сан туьйранан даймахках лаьцна дийца лууш яцара и. Со профкоме вахара, тхаьшшиннан мар-сте хилла вовшахкхиетаран тоьшалла иэцна.   
- Дика ду. Декъалдо шу. ХIинца доьзалан цIарах хIусамаш хилийта алий дехар язде. Терахь а хIоттаде.
Оццу хенахь цхьанакхиетараллехь дина даьллера керла цIа. Сан фамили яцара хIусамаш еллачарна юккъехь. Со карзахвелира.
- Аш хIинцций бен кехат ца яздина, бераш а дац шун. Керла цIа дина даллалц собар де аш.
ХIетахь цIенош хIинца санна сиха ца дора. Иттанаш шераш довлура. Сайца лиелош ерг харцо ю аьлла, суьде делира ас и гIуллакх. Цигахь со ийшира. Со дукха луьйш ву, я нохчо ву аьлла хиллера иштта бохург, яздан а ца лаьа тахана. Дацара. Тахана «Роснефть» юкъайогIучу «Грознефтехь» берриш а нохчий бу. Хийцаделла хIума-м дац.
Соьга наха а олура, суна сайна кхиеташ а дара, цу меттехь сан белхан гIуллакх галдаьллий. Жимма IаIийна шай-кай яра сан. Сайн юьртахь цIа дича дика хир ду, аьлла ойла  хиллера сан. Зудчунна  иза ца тайра. Кооперативни хIусам эцийта бохура цо. Со реза вацара. Хьанал къахьиегарна сайна пачхьалкхо хIусам яла йиеза аьлла хиеташ вара со. Нийсо лоьхура ас.
ЦIаьххьана соьга элира керла мехкадаьтта долу меттигаш караерзорехь дакъалаца къона коммунисташ оьшу, цигахь дIа ма-кхеччи, чохь Iан хIусамаш а хир ю. Хьайна езарг харжа – Малхбузе Сибирь (Нижневартовск), Сахалин, Туркмени.
Зудчо элира, отпуск эций массанхьахула чекхдалий вайшиъ, гIолехь мичахь ду хьожуш.
Сахалин дукха генахь хиларна дIаяьккхира оха. Нижневартовскехь долчу хьолана реза ца хилира, дукха ирча а, шийла а меттиг хиллера и.
Ашхабаде дахара тхо. Цигахь бIаьста кеман тIехь охьахьаьжча алцIензIамаша* хазйина аре куз санна хаза яра.  ЧохьIен хIусамаш а елира тхуна Красноводскехь. Цига дахара тхо оцу зезагаша хазйинчу арахула. Цигахь йовха яра. Делахь а хIорд а, Iаьржа Iов а, сменан куьйгалхочун дарж а дара. Алапа сан Соьлжа-ГIалахь хиллачул дукха алсам дацара, делахь а чохь Iиен хIусамаш яра. Сан долахь яцахь, итт шарахь болхбича долаер йолуш яра. Со а жимаъ вацара. Оцу шина чоьнах йолчу хIусамехь чIогIа йовха яра, арахь апрель бен боццушехь. Со шиеконехь вара: и йовхо а, алапа а со резавоцуш дара.
Зудчо ийза а луш хаам бира, тхо доьзалхо хир волуш ду, аьлла. Чохь Iиен хIусам йоцуш муха мегар ду?

Оццу дийнахь, Iуьйранна
Юхаъ марта юучу ханна вижна виси. Наб яр-м дика ду, синтеме хиларан билгало а ю. меца хилар а дика лору. Вониг – кхузара кхача ледара хилар ду. Дикачех ду телефон чохь дуккха керла хаамаш хилар. Со дагахь латтаво: йоIера кхо хаам бу. Уьш боца бу: «Дада, муха ву хьо? Жоп хIунда ца ло ахь?»  Амма суна ма чулацаме хиета уьш.
ХIара Маккхалераниг дика а, ледара а хиета – «Хьуна фрак нисъеш ю, концерте ваха». ХIун фрак, хIун концерт? Оцу могашчу нахана цомгушчеран, со санна иэшамечу нехан хьал ца девза. Оцу концертех чам баьлла ву. И йоI бахьанехь.  Цуьнан дуьхьа со оцу концерте вуодахь и кура европейцаш сох а, сох йогIучу хьожанех а къаьхкина дIасабовдахь, дерриг а талхор ду ас. Оцу Австре муха гIур ву кеманахь?..    Цул а цIа ваха виеза. Цигара вон хаамаш  бу. Ломахь чIогIа шело хIоьттина боху. Сан шовдан гонаха ша бина. Амма и къар ца луш духдуьйлуш ду. Сан рема а цIа еъна боху. Цхьадика шортта докъар Iалашдинера ас царна, накхарчашна сагатдо ас. Накхармозаша ловр юй техьа и шело? Сайн моз чохь долу цхьа жима банка еъна ас кхуза схьавогIуш. ХIора дийнахь и схьайоьллий, лаьмнийн зезагийн хьожа муьйлу ас. БIаьргаш а хьаббина Iа со Кавказан лаьмнийн и ерриге хазалла а, марзо а, басарш а, комаьршалла дуьхьал туьйсуш, там хуьлуш…
Ма чIогIа лаьа суна цIа ваха!

Оцу дийнахь, делкъахан хилале
Радиолор вара зIеетташ. Радиаци лакхара ю боху. Цхьа де далале нисъяларе сатуьйсу. Шега доьхуш ма хиллара, 26 декабрехь со аравалийта дош делира. Кхин шина дийнахь сатухур ду ас. Сингаттам совбуьйлу. ХIун концерт?  Оцу европейцашна хьалха дIахIотта виезарг со волуш санна, сахьийза. Бакъдерг аьлча, цигахь сан йоьIан концерт хир ю бохучух ца тиеша. Диканиг ю! Шен сатийсаме кхечи. Атта дацара  цунна иза данне а. тхуна массарна а хала дара. Амма иза къар ца елира, хIуъу хилча а. И бу-кх кхоллам!
Маржа я, цуьнан нана кху дийне ца ели-кх. Мел чIогIа сатуьйсура цуо. Ша а шен дахарехь артистка хиларе сатуьйсуш хилла йолу и, шен йоIехь из-за сатийсам кхоьллина яра. Ткъа со дуьхьал вара хIинца… Кхоллам хийцалур а, Iехалур а бац…
Дахар иштта чолхе ду-кх.

Оцу дийнахь, делкъал тIаьхьа
Радиолор вара зIеетташ. Шен монитор тIехь соьгара хьал хааделла хир дара цунна. Соьгахь чIогIа вон хьал ду. Дагалецамаша  сахьовзийнера, юучух а чам баьллера. ХIетте а  кховсургаца юург сайн кийрататта хьоьжура со. ТIаккха, хьалха операци йинчу хенахь ма-хиллара вуно чIогIа лазар хьаьдира сан дегIах. Дерриге дицдойтуш, къиза лазар ду и. Иштта ду. Синлазам ловш веха стаг дийна мел ву, хала делахь а. Амма дегIера лазар лан хала ду. ТIаккха хаа-кх хьуна, хьан дегI а, дегахьиехам а хьан сил гIийла буйла.
Иштта дацахьара а, дууш-молуш ваха луур дарий суна? Айса суо тиешо виеза а массарна а, уггаре хьалха сайца а бертахь хиларх. Оцу ойланаша гIоли хуьлуьйту суна. Наггахь карзахволуш меттиг нисло. И хьал  гондахьарчарна ца гойтуш, сайн дагчохь, кийрахь къуьйлу ас, суо бехкевеш, ваха ца лууш, сайн са дуу. ХIинца сан радиолоьру кIелхьаваьккхи со. Цкъа делахь, цунна со гуш вуйла хууш, малвала а, меттахь керча а йиш яц сан, со нохчо волу дела. ШолгIа делахь, ша диссертаци язйо бохуш, цхьа Iовдал хаттар до цо.
Язъяйтахь шена лаахь, бакъ язйо. Со а ма ву язъеш Iаш. Бехказвала гIерташ, я сайн дахаран хьиесап деш воллу-кх со а. Хьанна хьалха? Сайна. Бехк сан ма бу. Со доьзалан да ву, делахь хIета бехке а ву. Делахь а…

Оццу дийнахь, сарахь.
ЙоI яра хIинцца зIеетташ. ХIетале охашимма вовшашка масех хаам язбира. Соьгара хьал туосаделлачух тера дара цунна. Къамел дарал совнаха, йоьлхура. Сан цуьнан сатедан аьтто бац, гIам-гIим до ас дуьхьала. Концертана кечам беш йолчу цунна елха мегар дац. Делахь а, со синтеме валий цуо. Сайн кийра бузо лии суна. Цул тIаьхьа телевизор а латий ас. Дуьне-м самукъадаьлла Керлачу шарна кечамбеш ду. Суна телевизор чухула гойтург бакъ ца хиета. Ма-дарра долу дуьне ган лаьа.
Сан камера набахти яц, шуьйра кор а ду. Схьаделлалуш-м дац и, каглур долуш а дац. Буто аьнгали тоьхна ду. Гуш долу сурт башха ца хиета: цхьана гIишлонан тхов бу, иттех шарахь охьаэгначу диттийн гIаш а, нехаша а хьулбина. ДIанехьо гуш Профсоюзни урам бу. Суьйранна итт сахьт даьлла. Ураман шина агIора гулъелла дукха машенаш ю. Хьалхарниш дIайовллалц дIаяха йиш йоцуш, лиелар соций дуккха лаьтта уьш. Мел хан йойъу-техьа кхузарчу наха оцу некъан сецаршкахь? Масех сахьт дойъу хир ду. Сан лаьмнашкахь санна паргIато яц! ХIетте а халкъ кхуза схьагIерта. ХIунда? Кхузахь ахча а, сакъерар а, юкъараллин кхиар а ду? Бакъ дац и. Кхузахь адам синтеме хила йиш яц. ХIара дахар дац, я хила йиш а яц. И-м суна хиетарг ду. Тахана хиета-кх. Ткъа къона волуш?
Красноводск жима а йолуш, тийна гIала яра. Цхьа бутт балале, сайгара доккха гIалат даьллийла хиира суна. Май бутт чекхболуш тов хIоьттира цигахь. И йовхо лан хала дара. Пхора йолчу сан хIусамнанна-м муххале а. Балхара дIа а ваьлла, Красноводскера Бакох догIучу бурамна тIехевшира тхо.
Бакохара Соьлжа-ГIала а генахь яц. Цигахь мела а, хаза а ду. Амма кхолламах а, яздинчух а вала йиш яц-кх. ХIорд карзахбелира, бурам техкаш бара. Ишта а могуш йоцчу зудчунна хIорд хьаьхнера, и кхиетамчуьра а йолуш юьйжира. Новкъадовлу бохург хьиехочохь дацара. Сихонца больнице дIакхачийра оха зуда. Иза охьайижийра цигахь. Сайн хIусам а дIаеллера ас, цIа вогIу аьлла. ХIинца болх а, хIусам а йоцуш арахь висира. Хьал ледара дара. Эцца соьца цхьаьна курсехь доьшуш хилла волу  Максим зIене велира соьца.  Москвахь аспирантурехь доьшуш вара и. Аьхка студентийн гIишлошъяран тобанан куьйгалхо ву аьлла Сибреха цхьана къакъаршка воьдуш, шена накъост оьшур аьлла, соьга кхайкхира иза. Дика ахча даккха таро а хир ю. Со резахилира. Красноводскехь зудчунна чохь Iен хIусам а лаьцна, Москва вахара со.
Сибрехахь тхо долуш  Максимна дагадеара Красноводскехь шен гергара стаг Соьлжа-ГIалара а волуш, «Нефтегазогеологоразведкин» директоран заместитель ву аьлла. ЦIа ма кхеччи и цунна тIевахара. Цо соьга цхьа хаттар дира. Со молуш воций хиъча, цехан куьйгалхо а хIоттош, чохьIан кхо чоь йолу хIусам а луш балха дIаийцира. Пхи шо даьлча сан цIартIе ер йолуш яра и хIусам.
Со-м цкъа юьхьанца шиеконаш йолуш а вара. ЦIа веънехь хIун дара техьа бохуш.
- Мича гIур ду вай? Вайга хьоьжуш Iаш мила ву? Мичахь Iийр ду вай? – хоьттура хIусамнанас.
- Ламчу хьала гIур ду-кх, - гIийла элира ас.
- Ткъа цигахь? …… Ткъа бер?
- Кхузахь йовхо…
- Нах а беха… Дала къинхиетам бина вайх - хIусам, болх, алапа.
Дуьхьалдаккха хIума дацара. Ткъа йовхо? Кхиберш ма бу и йовхо ловш. Сатоха диеза.

25-гIа декабрь, Iуьйре
Кхана со кхучуьра аравалийта виеза. ЙоI зIеетташ яра. Цо шадерриг а билгалдина. Буьйса ас хьешан цIа чохь йоккхур ю. 27-чу декабрехь Каширкехь йолчу клиникехь сан катетер цIанйийр ю. Оццу сарахь Вене доьдучу кеман тIе хуур ву. Бакъдерг дийцича, цига ваха лаьа суна. Делахь а соьгара хьал, соьх йогIу хьожа а оцу нахана оьший техьа.
Европера адамаш оьзда а, гIиллакхе а ду, къаьстина заьIапхошца бохуш, йоIа сатедо сан. Со Европехь хилла ма вац. Со-м цхьанхьа а ца хилла ала мегар ду. Казахстанехь вина, кIеззиг Куба гина суна, Кавказ, цул тIаьхьа Туркменехь виснера масийтта шарахь.
Туркменехь сай Iар дагадеъча карзахвуьйлу со. Сан дахарехь уггаре ирсе хан яра и. ДIадийнарг тIедолу олу-кх. Ткъа ас дIадийнарг хIун ду? Даима доьзалан гIайгIа беш къахьегна-кх. Туркменехь айса даьккхинчу шерашкахь, доьазза бен лаьмнашкахь хилла вац со. ХIоразза а уггаре хьалха сайн шовда долчу воьдура. ХIинца а духдуьйлуш ду дагна а, бIаьргана а, лергана а тамбеш. Ткъа Башломара дуьйна схьа лаьтта бухахула сан керта кхочуш долу и башха хи мелча, гондахьа дIасахьожий ваха-м хьовх, тIома вала лаьа суна.
Иштта дIа а ведда оцу тархах дIакъаьстина аьрзу санна тIома вала лаьа. Мел чIогIа лаьара! Мел чIогIа лаьа! Къаьсттина оцу Красноводскера и дуьра хи а, йистйоцу гIум-аре а, хIорд а дагабеъча и муххале а. И цхьатерра сурт кIордадора. Делахь а, дIаIара-кх, доьзал а болу дела. Уьш биезаш, церан дуьхьа вехаш ма вара со. Суо байлахь кхиъна дела церан гIайгIабора-кх. Ткъа бераш тхан цхьаьна шерачуьра долуш санна дара. Воккхах волу кIант I979 шарахь винера. Цхьа шой, ах шой даьлча - шолгIа кIант, оха цунах Жимахверг олура. Кхин а оццул хан яьлча сан йоI дуьненчу елира. Цуьнан зевне аз дара, сан шовданан санна. Ас цунна цIе тиллира – Шовда!
Даима а артистка хила сатийсина йолу, церан нана хIинца берийн гIайгIа бан биезаш яра. Жимачу Красноводскехь театр а яцара. Цхьа заводан оьздангаллин ЦIа дара. Цига балха хIотта дагадеънера цунна. Иза а ас дихкира. Цуьнан башха похIма ду аьлла а, ца хиетара суна. Амма и сатуьйш яцар-кх. Тхан бераш долчу берийн беша яхийта ша, элира. Цунна со резахилира. ТIаьхьо гучуделира иза цигахь бераш эшарш лекха Iаморхьама дIаэцна хилар. Цо муха Iамор дара шена а мегарг ца хуург. Делахь а, цхьана дийнахь цо хаам бира: «Вайн йоьIан башха лерса ду. Ас цунах сийлахь-йоккха йиш лакхархо кхиор ю!»  Ас башха тидаме ца ийцира и хаам. Ткъа зудчо фортепиано иэца йиеза элира. Оцу жимчу гIалахь фортепиано мичахь карор ю? Ашхабаде гIур яра ша элира мацца цкъа. Цхьа ши шо даьлча тхан чохь Iаьржа лак хьаькхна фортепиано яра. Сан а самукъадолура йоIа и лоькхуш. Дика лакха Iемира цунна. ТIаьххьара а зудчо эли-кх, Ашхабаде дIагIо вай, кхузахь йоIана диеша меттиг а бац.
- Соьлжа-ГIала хIунда ца доьлху вай? – цецвуьйлу со.
Перестройка йолаелла хан яра и. Суна сан доьзалехь шадерриг дика ду моьттура. Тхан хIусам хилла ца Iаш, Красноводскан юххехь аьхкенан цIа а дара. Машен а эцнера, киншки тIехь IаIийна жимма шай-кай яра.
Красноводскера хIусам Соьлж-ГIаларчуьнца хуьйцур ю аьлла газетехь хаам бира аса. Цхьаммо а тергал ца бира и хаам.   Иза сингаттаме хаам бара. Сан хIусамаш оьшуш стаг вацара. Сан тIаьхье даима  кху хIорда йистехь яха йиезаш хир ю техьа?
Цул совнаха, цIера хаам хилира, сан декъа тIехь дола деш цхьаъ ваьлла аьлла.   Цхьа гIишлоян гIерташ а ву аьлла. Чехкка отпуск а эцна, цIехьа вахара со. Ши де далале Соьлжа-ГIалахь вара со. Красноводск дуьненан йист хилла а хиллера. Со цигара аравалале даьллачу деа шарахь пачхьалкхех дукха хийцамаш хиллера. ЮхадIахIоттар, демократи бохучу кхайкхамашца юкъаевллера  бахамаллин керла кепаш.
Цхьана жимхас, бакъонан цхьа кехат а даьккхина, сан лаьтта тIе вагончик а хIоттийна кхечу мехкашкара туристаш тIеоьцуш, царна талла а, чIерий  лиеца а меттигаш йовзийта аьтто бо а бохуш, бизнес еш хиллера.
Доцца аьлча, сан дай баьхна латта бехдина, шовданан гонах нехаш яржийнера. Сан оьгIазвахаран доза дацара… Со кхехкаш вара. Ма зама яра и. Адамаш а, амалш а. Со а, соьгара хьал а шена гича, и жима къонах чIогIа бехкала вахара. ХIара кехаташ ша кечдинехь, нехан хIума диезаш вац ша бохуш, со къинтIераваьккхира шена. Цигара ерриг а нехаш гулйина дIаяьхьира. И вагончик дIаяхьа онда трактор ца нислуш, цигахь йисира и. Цхьа ши шо даьлча, Соьлжа-ГIалахь и кIант лаха а лехна, ас цуьнан мах дIалур бу хьуна, цигахь йита и вагончик элира ас. Шена и дIаяхьа аьтто бац, суна ишттанехьа юьту и, элира цо, ша суна хьовзам барна.
Иштта кегийрхой бара цу хенахь. Дика кечйина йоллушехь, суна кIезиг гIуллакх ца дира оцу вагончико. Цу чохь масех буьйса яьккхира ас. Кийчча хIусам яра и, со Iовдал ца хиллехь. Делахь а… Хьалхара тIом баьлча бIаьхоша дIалаьцнера и. Цул тIаьхьа кеманашца ракеташ йиттинера. Йоккха трактор а лаьцна дIаяхьийтира оцу вагончиках йисна чалх.
Цу муьрехь, я дайбаьхначу ломахь дIатасвала, я доьзал болчу юха ваха бохуш ши некъ бара сан. А шолгIаниг хаьржира. Бехказлонна санна цхьа гIуллакх нисдира ас. И меттиг сайн долахь ю боху кехат даьккхира райсоветехь. Цхьанна хьаькамна хIума яла а ца дийзира, кхо теш хилчхьана тоьуш дара и латта сан ду аьлла тоьшалла деш.
Таханлерачу хьолаца дуьстича, Совет Iедал хьиехо а ца оьшу, амма адамаш хIетахь  хIинцачул къинхиетаме дара аьлла хиета суна. Цу муьрехь хийцамаш а бара, Iедал дуоха герга дахна а дара. Цундела и сайн латта доладаккха аьтто хилир-кх сан.

Оццу дийнахь, делкъал тIаьхьа
Керла ши хIума ду сан. Диканиг – хьогалла дIайолуш ю. Дийнна уьстагI буур бар-кха аьлла хиеташ, мацвелла со. Ткъа вониг, сингаттамениг – радиолоьро хаамбарехь радиацин барам лакхара бу. Кхана и лахбаларе сатуьйсу цо.
Нагахь санна цо ара ца валийтахь?.. Айса хIуъу яздахь а, сайн цу Европе ваха лууш хилар гучудолу суна. Цигара адамаш муха Iаш ду хаа лаьа. Сайн доттагIа, захало а волу, Маккхал ган лаьа. Суна чIогIа товш ву иза. ХIунда лечкъадо и уггаре хьалха сайн йоI гаре сатуьйсу ас. ТIаьххьара гой а ца хаьа. Шен концертехь ган лаьа и. Шен лааме кхечи и. ХIинца а цунах дозалла а до, и сайн йолуш воккхаве. Масех шо хьалха и гича а ца мегаш, и хIаллакъян ойла йолуш вара со. Айса и дийр дацахь а. ОьгIазе вара! Ткъа хIинца и цхьаъ бен яц, и яцахьара хIун дийр дара ас? Сан Шовда! Сан хьоста! Сахьийзаш хир ю. Цуьнан нана кху хене ца ели-кх. Цуо кечъеш, кхиийна ма ю и.
ДагадогIу суна, дайбаьхначу меттигашкара юхавахча, цигахь даьхна хаза суьрташ а, сайна «латта лиело елла бакъо» шайна дIагайтича, бераш чIогIа самукъадаьлла дара. Со царна Даймохк а, ненан мотт а марзбан гIерташ воллу. Ткъа зудчо боху:
- Вай хIокху Iуьргара сихонца арадовла деза. Берашка дешийта диеза. Ткъа хIара музыкальни дешар Iамо диезаш ю. Кхузахь и дан аьтто бац.
- Суна артистка-йоI ца оьшу, боху ас.
- Артистка яц, актриса – музыкант, - къар ца ло зуда. – Бераш дешна хила диезий?
- Диеза, - реза ву со.
- ТIаккха Москва я Ленинграде даха диеза. Цигахь консерватори ю.
- Са ма тийсалахь, - чIагIдо ас. – Вайга хьоьжуш Iаш мила ву Москвахь а, Ленинградехь а? Вайн хIусамаш хийца Соьлжа-ГIалахь а стаг ца караво.
- ТIаккха – Ашхабаде.
Ашхабад сан лаьмнел кхин  а генахь ю. Iаьржачу гIамаршкахула 600 чакхарма некъ бан биеза цига воьдуш. Эцца сан хьаькамо,  тхо гергарло лиелош ду, сан зудчо шега диехар дича санна, боху-кх.
- Ашхабаде дIадаха диеза. Зама хийцалуш ю. Кхузахь дисахь гуттаренна а хала хир ду.
Соьга ца хийцало хIусам Россерчу нахаца. Ашхабадехь и дан атта хила мега.
- Ткъа болх? – доьзал кхаба биезаш ма ву со.
- Цуьнан а ойла ян йиеза. Цхьа ши шо даьлча, со пенсе гIур ву. Ас барт бина  со Ашхабаде дехьаваккха аьлла. Хьуна лаахь, ас сайца хьо а дIавуьгур ву.
Бакъдерг дийцича, вайн Соьлжа-ГIалара волу и накъост ца нисвеллехьара, сан гIуллакхаш ледара хир дара. Москвара схьадогIу и маршонан боларш кхуза а схьакхаьчнера. Ткъа и туркменаш а аз ойъуш, тIебаьхкинчарна гIиело ян лууш хаалора.
ХIуьттаренна санна (хIинца хиета-кх суна иштта) хIетахь хазахиетарца кхаъ хилира, со Ашхабадехь оьшуш ву, аьлча. «Туркменнефтегаз» олучохь керла бурутохаран белхаш бан болийнера. Говзанчаш оьшура. Ткъа хIусам айса лаха езаш яра. Красноводскера сайн хIусам а, аьхкенан цIа а дIалуш, тIехула I500 сом а луш, Ашхабадехь сайниг санна йолу хIусам карийра суна. Керлачу балхахь алапа а дика дара. Амма болх атта ца хиллера, даима дIасалиелаш, Москва, Тюмене, Свердловске, юха Москва. Ашхабаде схьавеъча, ерриге республикехула ваьлла лиела виезаш хуьлура. Иштта со лиелашехь, муха духу а цахууш Советин Iедал а, пачхьалкхе а юьйхира. Со инзарваьллера. Сан ахчанах нехаш хилира. Сайн а, сайн берийн а хиндолчуьнга дуьххьара кхерамца хьаьжира со. Уьш хIинца баккхий хиллера. Сан хьомсарчу Шовдин а цхьайтта шо ду.
Зудчо бохура: «Самагатде. Ларор ду вай. Цул а вайн йоIа лоькхучу эшаре ладогIахь. Гайтал, Шовда, хьайна хуург…»
Со цецваьллера, нохчийн маттахь йиш лоькхура йоIа. Сайн лаьмнашка кхаьчча санна самукъадаьллера сан. Зудчо боху:
- Тайний хьуна? ТIе ма хьаьжжи го суна – хазахийти! И ю-кх исбаьхьалла. Республикерчу къийсадаларшка Шовдина хьалхара совгIат делира. ХIинца Москварчу П.Чайковскин цIарахчу къийсадаларехь дакъалоцур ду сатийсамехь!
- ХIан-хIан! – мохь бели соьгара. – Дицде къийсадаларш! Сан йоI артистка хир яц! Кхетий шу?! – фортепианех оьгIазе буй туьйхира ас.
Цунна хIуммаъ ца хиллера. Массо а дехьа чу хьевди. Ткъа сан куьг цхьана баттахь гипсехь даьллира.

Оццу дийнахь, суьйре 
Пхьоьрана алссам кхача беънера. Леррина качйина витаминаш, цу-кеппара чIерийн даьтта, сайна ца  дезахь а мала олу иза, Iаьржа и цIен чIерийн Iов. Невцо, аьлча а йоIа, бина гIайгIа бу иза. Шортта махбелла а хир бу кху даарх. Дукха хан йоццуш зIеетташ яра йоI. Иза йоьлхуш хилар туосало суна. Цуьнан сатедан лууш сайгара хьал дика ду бохучу кепара гIам-гIим до ас. Ткъа иза кхин а чIогIа йоьлху.
ТIаккха ас цуьнга яздо: «Ша дерриг а дика ду. Баркалла».
 «Кхана хьо ара ца волуьйту цара?»
Радиолоьраца цуьнан къамел хиллачух тера ду. Соьгара радиаци лакхара ю аьлла хир ду лоьро. Суна юххе нисвала хьанна луур ду? Сох схьаюьйлуш радиаци а йолуш, гондахьарчарна кхераме а воцуш хилчий бен, кху чуьра ара ца волуьйту. Ткъа лоьрийн цхьацца хIилланаш ма ду. Цара юучуьнца цхьацца молханаш чудоуьйтуш радиаци лахъян тарло. Делахь а… Со бахьана долуш шайн белхан меттигах вала а, шайн цIе йожо а лууш мила хир ву. Суна деллачу молханийн барам вуно лакхара бу. Кхана сох схьаюьйлу радиаци мегаш йолчу барамехь хилийта лиелош ду и. Ткъа тахана кийра бузо биеза. Меца а ву со цхьадика. Дерриге а Делан карахь ду-кх!

Оццу буса.
Сайн радиацин хьал лакхара хиета суна. Дийнахь шозза дегIах хи кхарза аьлла ду кху чохь. Суна сайна лаьа лийча, дегI кIамло дела. Амма ийзало-кх. Суна хала а, кхераме а гIуллакх ду и. Кху чохь цхьа ванна елхьара, и хих хьала а юьзна, цу чу хуур вара. Ткъа душ кIела хIоьттича цхьа хин тIадам катетер чу бодахь… Сан пехашна чу хин тIадам хьовх, кхераме ю хIаваан лакхара тIуналла а. Йовхарш а тоьхна и тIуналла аракхосса йиш яц сан.

26 январь, буьйса.
ЧIогIа ларлуш лийчи со. Аьлча а тIедачу гатанца сайн дегIа тIера модаш а, радиаци а дIаяккха гIирти-кх. Цул тIаьхьа юргIана кIела а вахна агIорвелира. Масех сохьтехь набйира. Жимма суо гIолехь волуш санна хиетало.
Баккъалаъ сайн Шовда ган а, цуьнан концертехь хила а лаьа суна. Со гуттара оцу концерташна дуьхьал вара. Амма дахаро шениг чIагIдо. ХIинца хаьа суна и дуьхьалвийлар дика доцийла. Кхарна дуьхьало ян ца оьшу. ХIораммо ша шен некъ хоржу. Дас-нанас а, я кхечара а чIогIа Iаткъам бан ца оьшу. Хьиехар дар, некъ гайтар, вочу хIуманах лардар ша ду. Амма тIедожо ца оьшу. Тахана  2I-гIа бIешо ду, ткъа со сайн Iадаташца… Со суо а байлахь кхиъна хилар дара уггаре а декъазниг. Ден-ненан хьастар а, йовхо а, хьиехам а, масал а гина вац со. Сайн берашна диканиг дан гIиртина. Цкъа а садаьIна, санаторехь, я курортехь хилла вац со. Даима къахьегна. ХIинца дагахьбаллам бу. Наха санна садаIа диезаш хиллера. Наггахь соцуш, ойлаеш хила виеза. Цхьанна вуон дина дац ас. Къола ца дина, хьанал къахьоьгуш даьккхинчу рицкъица бераш кхаьбна.
Маржа-яI! Тахана суо кхаба таро йоцуш, нехан сагIанех вехаш ву-кх.  ЙоIа гIолоцу. Къар ца ели. Диканиг ю. Ткъа хIетахь? ХIетахь Советан пачхьалкхе юьйхира. Туркмени ша яьлча санна яра. Сан даржехь волу куьйгалхо туркменийн мотт хууш хила виеза, элира соьга. Дерриге кехаташ туркменийн маттахь лиелор ду. Экзамен дIаяла йиеза. ХIинца цигахь муха ду-м ца хаьа суна, хIетахь хьалха ма-хиллара, ша долу кехаташ оьрсийн маттахь лиелаш дара. ХIетте а со даржехь лахвира, алапа а жимдира, ткъа болх совбелира. Со а, со санна оьрсийн мотт буьйцучаьрца а йолу юкъаметтигаш талхош яра. Цкъа шозза, кхечу къоман векал ву аьлла, иэшам беш меттиг а нисъелира. Со хасто а ца гIерташ боху ас, сайца и чекхдер доцийла дIахаийтира ас. Суо балхах мукъавита аьлла, дIахьедира ас. И майра гIулч ас яккхаран бахьана дара Соьлжа-ГIалара схьахезаш хаза кхаьънаш хилар.
Нохчийн Республика йозуш йоцу пачхьалкхе санна яра. Инарла-президентах а дозалла дора ас. ЦIа ван сихвелира со. Амма хIусамашна хIун дийр ду? Соьца хийцавала лууш Къилбаседа Кавказера цхьа а вац. Украинера а, Арменера, Азербайджанера а, ерриге а йолчу Сибрехара а бу. Камчатке кхаччалц. Суна и оьшуш дац. ХIун ду хьажа Соьлжа-ГIала воьду со. ХIара ю-кх и революци. ГIалин юккъехь хаддаза сийсаш митинг ю. Туркменера санна, кхузара сихбелла дIаоьхуш оьрсийн мотт буьйцурш бу. Бакъдерг дийцича, кхузара дIаоьхуш оьрсий хилла ца Iаш, нохчий а бу.
Дукхах долчунна хIусамашна айса сагатдахь а, политики юккъе ца гIерта со. Кхолладелла хьал сингаттаме ду, цхьана а тайпана къепе йоцуш, бакъонаш талхош ду. Даима къахьиега марзвелла волчу суна инзаре хиета хIара сила долу адам деш-дуьтуш а доцуш, даима кху митингехь лаьтташ хилча, кхеран доьзалш муха кхобу техьа. Массо а мехкдаьтта къоман юкъара хила диеза бохуш ву. Ткъа иза дуккха а ма дац. Лаьтта бухара хьаладаккха диезаш а ма ду. Цунах гIуллакх дан а, иза дIасадахьийта ма диеза. Ткъа говзанчаш кхузара уьдуш бу.
Айса хьалха болх бинчу «Грознефть» цхьанакхиетаралле ваха со. Суна бевзарш а карийра цигахь. Цара уггаре халачех дарж кховдийра соьга – бурутохаран белхий урхаллин куьйгалхо. ВорхI-бархI баттахь алапа даланза белхалой буйла а хаийтира. Ахча ца тоьу. И хьал-м массо а меттахь дара, Тюменехь а тIехь. Цундела со реза хилира.
ХIинца Соьлжа-ГIалахь хIусамаш йорах яра. Цхьа бутт баьлча ас болх дIаболор бу аьлла, барт бина, сайн доьзал схьабало вахара со Ашхабаде. Цигахь а хIусамаш йорах яра. Сан квартирех лучу механ со реза велахь а, кхин цхьа новкъарло гучуелира. Туркменехь, йозуш йоцу пачхьалкхе хиларе терра шайн ахча дара юкъадаьккхина. Церан манат боху ахча, цигара араваьлча хIуммаъ йоцург яра. Цунах долларщ иэцча, уьш дозанал ара ца дохуьйту. Дуьххьара бакъо талхо дийзира сан. Сайн хIусамех делла долчу цигара ахчанах ворхI эзар доллар ийцира, дисинчух зудчо хьиехар а дина деши а, бриллианташ а ийцира.
ХIинца уггаре халаниг дозанал сехьавалар дара. Кеманца Москвахула цIа ван йиш яра. Ткъа со Красноводскех сайн бевзачарах дегайовхо йолуш, бурам тIехь сехьавала гIоьртира. Суна хиетарехь, оцу суна бевзачара тIехьажийна хила мегара уьш, таможни белхахоша леррина теллира тхан сал-пал, цхьа хIума лоьхуш. Шайн дегIаца хьарчийна деши долу зудий, йоIIий, шина кIантаца чекхвалийтира. Ткъа суна моьттура царна карийна соьгарчу долларех шайна масех кехат дIа а эцна, со сехьаволуьйтур ву, аьттехьа а ца хиллера. Царна  хууш хиллера доллар бохург хIун ю. Соьгахь дукхадерг харцъахча хиллера. Сох контрабандист хилла ца Iаш, харцъахчанхо а хилира.
Казахстанехь волуш, цул тIаьхьа эскархо гIуллакхдеш карцер чу нисвеллера со цкъа-шозза. Туркменаш къиза нах буйла-м хууш вара со. Амма цара соьца лелийна къизалла доккха хIума дара. Хьердаьлла жIаьла санна аьчкан чалтарца гобина, малхехь а, дорцехь а латтийра. Цхьа кхиел йоцуш бартхоьттура. КIордийна хир дара царна, цхьа ши бутт баьлча бедарш а, паспорт а схьа а делла мукъаваьккхира со. Цигара цIа ван таро йоцуш, ас лелийнарг дагалиеца а ца лаьа. ТIаьххьара цIера ахча а кхаьчна сехьавелира со, кхин цкъа а оцу Туркменехь хир ма вац со аьлла, чIагIо а еш. Айса кхузахь яьккхина хан эрна хетий-те суна? Цкъа делахь со сайн лаамехь веънера, кхузахь дуьненчу а девлла хьалакхиъна сан бераш. Дика рицкъа а доккхуш, сатедина болх а беш ваьхна со кхузахь.
Амма йоккха пачхьалкхе йохар массарах а хьакхделла-кх, кхечу кепара хуьлийла а дацара. Дахар хаьдча санна, тIекIелдаьлла хийцаделла дерриг а. ХIетахь сайн хиндерг хIун ду хиънехь со велавелла хир вара. ХIора дийнах воккхавен виеза! Дерриге а чекхдолу, хIара буьйса санна. Кестта са хир ду. Радиаци муха хир ю? Тахана ара волуьйтур ву техьа со? Сан сахьийза. Наб а еш жимма садаIа деза. Могашалло бен иэшор яц  радиаци.
Ши де даьлча боккъаллаъ йоI гур ю техьа суна! Цуьнан концерт…  Набъе… ХIан-хIан кхин цхьа ши дош. Тахана со араволуьйту. Шен дуьхьа со араволуьйтур ву оцу радиолоьро. Мухха делахь а, керла шо ду тIекхочуш. И Америке ваха виезаш вуйла хаьа суна, Майамехь цуьнан хIусамаш а ю, цигахь Iаш зуда а, ши йоI а ю. Кхузахь ахча доккхуш ву иза… Бакъ доккху.
…ХIара йозанаш кхучохь дуьсур ду. Нагахь санна цхьана декъазчу лазархочо хIорш дешахь, бехк ца биллар доьху ас. Сайн мукъалла яздина ду хIорш, хан йойъуш. Боккъаллаъ аьлча, кечлуш, жамI деш ву со. Сайн дахаран жамI деш, дохковуьйлуш, бехказвуьйлуш. Эрна ду техьа. Iодикайойла шун! Дала собар а, дика а, могашалла а лойла шуна! ЧIагIлолаш! Со санна дикане сатуьйсуш хилалаш! Хиндерг хаза ду шуна. Со тешна ву. Шу хуьлийла а лаьа. Амин!

Оццу суьйранна
Лараме сан накъост. Суна тIаьхьавогIург! Нагахь санна, хIара йозанаш доьшуш хьо велахь, хилларг хIун ду хаьа хир ду хьуна. Со ара ца валийтира. Сан радиолор а, лорйиша а сол а чIогIа холчохь хилла хир ду аьлла хиета суна. Церан бехкенна дийнахь саррахь ницкъ хуьлу суна. Сийсара наб ца кхийтира. ХIокху йозанашца сайн сатедан гIиртира. Ткъа цул тIаьхьа Iуьйранна кхача биъча,  лазар карзахделира. Радиолоьро радиаци чIогIа лакхара ю боху. Даима а самукъане волчу цунна а ца оьшура сан лакхаяьлла радиаци. Ткъа компьютеран гайтамаш хийца бакъо яц церан, со аравалийта а йиш яц. Со-м йоIа зIетоххалц, оьгIазвахнехь а синтеме вара. ЙоI йоьлхура. Цул тIаьхьа Маккхала зIетуьйхира. Ас дуьхьал гIам-гIим дора, церан сатедан гIерташ. Хаамаш а язби. Юха сатедеш. Доцца аьлча, дагалаьцнарг кхочуш ца хили. Концерт а со воцуш дIахьур ю. И дика а ду, суна бала хир бара цунах. Сайгарчу хьолан ойла йо ас. Иза ирча ду… Со ара ца волуьйтийла ма-хиънехь массо а хIума Iалашоне лоцуш, царна «топ етта» вуолавелла. Коран уьнтIе хьала а вуьйлуш, Профсоюзни урамехула дIасалелачу нахана «тоьпаш» йитти ас. Иза карзахвалар а, лартIера валар а дара. Ишттачу муьрехь массарна а хаамаш бохьуьйту ас телефоначухула. КIадбоцурш яздо, я кхиерамаш туьйсу. Пхьор дахьаш молханаш кхечира. Уьш ас сихонца тоькаца йолчу кховсургца кийра теттира. Масех сохьтехь набйира. ХIинца хIокху йозанца сайн сатедан гIерташ воллу. ХIетте а бIаьрго цхьа Iалашо лоьху.
Сатедина, наб ян йиеза ас. Меттаван виеза. Виеза-те! Массаьрца а бертахь, товш хила виеза. Къамел дан а, сайн озе ладогIа а йиш хилча. И кхин хир дац. Диснарг – хIара йоза а яздеш, элпашца сайн ойланаш гайтар ду. Синтем. Меттавар. АгIор а ваьлла, набъян йиеза!!!

27 декабрь, сахуьлуш
Тахана араволуьйтур вац-техьа? ХIара радиаци. Шалха барамехь молха хIунда делира техьа суна? ХIара нуц а ву сан Европера дуьйна схьавеъна. Иза а хир ву-кх сан йоьIан концертехь хила лууш. Боккха хилам ма бу и! Iаламат боккха! ХIинца даре до ас, сайна и цигахь хила чIогIа лаарна а, цуьнан толам а, йоьIан хазахиетарца цхьаьна хила лаарна а. Со акха Iовдал даима а цуьнан концерташна дуьхьал ма вара, цунах артистка хиларна кхоьруш. Делахь а… даима а хIара делахь а яздо ас, кхоллам Iехалур боцу дела, берашна паргIато юьтуш, церан похIма а, корматалла а ястаялийта йиезаш хиллера. Къеггина масал а ма дара.
Со Туркменехь чохь воллуш, сан доьзал Соьлжа-ГIала схьакхаьчнера. Ваша Гехон кIант волчохь севццера уьш. Зудчо берийн дешаран гIайгIа бина дика ду. Цуо ши кIант ишколе дIанисвинера, ткъа йоI – музыкин ишколе. Хьехархой цигахь а кIезиг бу. Интеллигенци республикера уьдуш ю. Сан зуда ша музыкин училище балха а йоьдуш, йоьIан похIма массарна а довзийта йолало.
Цхьана рогIерчу концертехь йиш локху Шовдас. Дукха хьеший а хилла, царна юккъехь  инарла-президент а волуш. Оьздангаллин керлачу министра ша волчу кхайкхина Шовда шен ненаца. ЙоI шен похIмаллица кхио йиеза, консерваторехь дешийта а диеза, аьлла цуо.
Тхан дахар-Iеран хьелаш муха ду шена хиъча, шен тароне хьаьжжина гIолоцуш «Актёран цIа» чохь ши чоь къастийна, мах бала ца биезаш.
«Актёран цIа» юкъарIойлин а, хьешанцIа а санна меттиг ю. Соьлжа-ГIалара юкъараIойлера дIа а дахана, юхаъ ишттачу юкъараIойле схьакхечи тхо дуккхаъ шераш даьлча. Тахана иштта хиета суна. Ткъа хIетахь тхан доьзална бинарг боккха аьтто бара. Шен даймохк а, шен министр а хилча нисло-кх иштаниг. Ткъа сан йоI? ХIетахь а, цул тIаьхьа а консерватори а, артистка хилар а дага ма даийта, бохург дара ас цаьрга олуш. Со къона, ницкъ болуш, корматалла йолуш а къахьиега лууш а вара хIетахь. «Грознефте» а вахча, со муьлххачу даржана реза хир вуйла хууш, ас хьалха со Туркмене доьзал схьабало вахале яздинчу дехаран кехате а хьаьжна, бурутохаран белхийн урхаллин куьйгалхо хIоттийра. Говзанчаш балхара уьдуш белахь а, алапа ца луш дуккха хан ялахь а, суо мехкадаьттанхо а волу дела, мехкадаьтта доккхуш, цунах бензин деш а, машина хехкалуш а хилча, ахча хила диеза аьлла хиеташ, дегайовхонца болх дIаболийра ас.
Ткъа цигахь ирча сурт хиллера. Низам доцуш, берриге гIирсаш бохош, лечкъош, бухкуш бу, алапа дац бохуш. Алапа ца хилча, болх а ца бо. Цундела мехкадаьтта даккхар чIогIа лахделла. Ткъа мехкадаьттанах гIуллакхдечу заводе дIатоттуш долу аьргалла халла дIакхочу. Хьалхарчу дийна ас дагардича пхийттанхьа оцу биргIанах Iуьргаш а даьхна мехкадаьтта а лечкъош меттигаш карийра суна. Буса автоцистернашна чу а дуьттуш дIакхоьхьуш ду мехкадаьтта, ткъа охьаIеношдерг мел ду. Iалам лардар-м хьиехош а дац. И лачкъийна мехкадаьтта кхехкош еш ду массо а ярташкахь, цунах ледара бензин доккхуш, кепекех и духкуш, ткъа мазут охьаIенош ду.
Республике со санна цIабирзинчех дукхахболчарна санна, республикехь юьхьарлаьцна некъ нийса боцийла хууш со а вара. Ткъа сан зуда тийжамаш беш яра, кхузара дIадахийта вай бохуш. Сайн даймохк а битна со мича гIур ву, я хьанна оьшу со? Ахча дац, Ашхабадехь иэцна йолу мехала хIуманаш а, деши а духкуш хене дуьйлуш ду тхо. Уьш а хала дохкало. Российски сом а дайделла. Со доьзал кхаба диезаш ву. Суна дагадогIуш а, хууш а кхин хIума дац, къахьегар бен, берахь дуьйна сайна Iеминарг. Сан дахар цунах доьзна ду.
Хьалха заманашкахь санна а хила ма-деззара дацахь а, сан урхалла мехкадаьтта даккхарехь хьалхарчу меттехь ю. Амма алапа тхуна луш дац. ХIинций-хIинций лур ду бохуш Iаш бу. Сатоха боху. Оха-м садеттар дара. Дог иэтIаш дерг кхин ду. Оха хьала а даьккхина биргIанехула дIахьажийна долу мехкадаьтта дIакхачале лечкъош ду. Мосуьйттаза милице а, чоьхьарчу кхерамазалин декъе хаамаш бина ас. Со волчу цхьаъ веара. Новкъа а ца гIерташ со IадIийчхьана, оцу биргIичуьра мехкадаьтта лечкъочара суна ахча гулдийр ду, элира цо. И къардайнарг ас эккхийра. Буьйсанна со ара а ваьлла, биргIана юххехула лиела велира со. И кIентий герза боьттина хиллера. Со, кхера ца велехь а, цара йиттина, корта тентак а баьккхина больнице кхечира.
Цунах ас дозаллица яздо, хIунда аьлча, цу хенахь со а, со санна муьлхха а нохчо шен сийлардан таро йолуш вара. Сайна йиттинарш муьлш бу а хиира суна. Сан гергарчара а, къаьсттина ваша Гехон кIенташа а гIолецира сан. Оха цхьанна хIума ца туьйхира, амма лаьмнийн гIиллакх дIадаланза дара. Баккхий къаной, муьлш бу а ца хуу нах со къинтIеравоккхуш дехарца дуьхьалбаьхкинера суна, гIеххьа эхь а хоьтуьйтуш. Со массарна а къинтIера велира, амма прокуратурера сайн дIахьедар юха ца даьккхира.
Мухха делахь а, цхьа таллам а, суд а йоцуш кIелхьара бевлира и нах. Ткъа соьга элира шарIехь а, Iадатехь шун барт хилла.
- Тхан  барт хиллехь а, советан Iедал юхаметтахIоттахь законаца жоп дала диезар ду церан, - элира ас.
- И Iедал юха догIур ду? – хаьттира массара а.
- ДогIур ду, - элира ас.
Кхечу кепара делахь а, юхадеара и Iедал. ТIом болабелира. Соьлжа-ГIалахь юха оьрсийн Iедал дIахIоьттира. Царна со а схьакарийра, балха схьавола элира. ТIом хиларх, мехкадаьтта хьаладаккха диезаш ма ду. Цуьнан мах лакхабелира. Ас дуьйцург-м кхин ду. ТIом боллушехь, оцу хьакълагIашна юккъехула прокурор волчу вахара. Иза Сибрехара хиллера. Сайца хьалха сайна динчу таIзаран тоьшалла деш долу кехаташ а эцна, мацах айса сайга делла дош кхочушдархьама вахара. Суна и гIуллакх дицделлачул тIаьхьа гучуделира и сан довхо компьютер чохь хилар бахьана долуш, цхьана блокпостехь схьалаьцна хилар. ЧIогIа дохко ваьллера со. И пекъар оццул хьарам мехкадаьтта лечкъош хиллехь а, цхьана лаппагIи чохь Iаш хиллера. Иза бомбанаш тоьхна йоха а йина. Ткъа сан доьазза Ставрополе ваха дийзира, хIоразза айса цунна гечдина цуьнга ала хIума дац бохуш. Амма пачхьалкха долалла лачкъорна кхо шо хан туьйхира цунна. Советан Iедал дац и ткъа?

Оццу сарахь
Тахана со ара ца валийтина. Де чIогIа хала дара. Суна эхь хиета. ХIара со тергалвеш йолу камераш! Дерриге а гуш волчу Делах кхеравезийла-м хууш дара. Ткъа сан массо меттахваларх, сан куьйгаэшар тергалъеш Iаш ма бу хIорш. Даима самукъане хуьлуш волу сан радиолор а тахана оьгIазе ву. Цуьнан кханенна иэцна билет ма ду, сох схьаюьйлу радиаци лахлуш яц. Сахилчахьана  соьга зIеетташ, уггаре дезачех молханаш чудоуьйтуш хьийзаш вара и.
ТIаьххьара со чиехо волавелира:
- Хьежа а еш, хьанна тоьпаш етташ ву хьо цигахь? Шу нохчий тIом бен дагахь хIума долуш дац-кх. Тоьур ду тIом бан! Сатеде! Ишттачу дог-ойланца капсулаш а мийлича лакхаер ю радиаци. И нах байъар сацаде, бер санна «тIамах ловзар» дита.
ХIун эр дара? Дуьхьала гIам-гIим а ца дира ас. Лоьро бохург а деш, цунна а гуш, капсулаш кийра теттира ас – кийра чIогIа багийра. Цул тIаьхьа чIинтехула охьаоьху хи чутуьттуш кийрара цIе йойуш ваьллира. Цхьадика сихха гIоли а хилла набаран тар тесира суна. Амма дуьххьара зIе  туххушехь самаиккхира. Сан йоI, сан Шовда гIийла цIийзаш йоьлхуш ю. Стенна йоьлху хаьа суна. Буса Вене доьдучу кеманна суний, невцаний эцна билеташ ду. Невцаца сан зIе яц. Цундела ас йоIе а, сайн захалочуьнга Маккхале а яздина. Нуц ша новкъа валийта. Концерт! Мел ца йиезара суна и концерташ, ткъа хIинца цига кхача сатуьйсуш ву. Маржа яI! Сан кIара, сан камера жимма схьаеллаелла – пхьор деъна.

Оццу сарахь
Суна кхача баар – иза шатайпана кеп ю. Оццул беза мах лушшехь, кхузахь дика кхача ло бохург бакъ дац. Кхузахь чIогIа ледара кхобу. Сан кхача-м, шайна шортта ахча лун дела, мелла а токхе хуьлуьйту кхара. Цкъа охьахиъна и ерриг яа хала ду суна. Могушволчуьнга а яалур яц иза. Ткъа кхучохь шелиг* яц. Юург телха. Хьожанаш  иштта а тоьуш ю. Цундела хIума йиъначул тIаьхьа контейнер юха хьажош, буха йисна юург цу чуюллу ас. Наггахь и контейнер аса и дIасалелачу апари чохь тасалой, медйиша хуьлу маьттаза мотт буьйцуш. Юьхьанца-м сан самукъадолура цунах. Ткъа хIинца догъиэтIа. Ас дуьхьала гIам-гIим до, цул тIаьхьа неIарх хIума етта. Дерриг а камерашна гуш ду. Соьга хоуьйту, ас татанаш дахь, карзахвийлахь, цхьа а чоьхьавер вац, кхераме ву хьо, олий, я цхьа сатедеш йолу газ чухоьцур ю.
Цхьадика сан камери чу и газ хецна яц. Кхул хьалха со кхузахь Iуьллуш волуш, луларчу камери чу и газ хийцира. Цунах суна кхаьчна дакъа тоьур дара, кIиранах бIаьргаш Iийжаш бала хьийгира ас. Ткъа бIаьргаш суна хIинца чIогIа оьшу. Дала ма дохьийла сан топ нийса ца кхиеташ, галвалар. ТIаккха сан дерриге дахар эрна хуьлу. ХIан-хIа, ас нийса тухур ю, галвер вац.

Оццу буьйсанан юкъ
Со хьераволуш ву, я ваьлла… Цхьалла бахьанехь ду иза. Делахь а, со адамех къиехкаш, цхьалла езаш хилла а ву. Иза сайн лаьмнашкахь, цхьанца а къамел дан, аьлча а гIам-гIим дан ца дезачохь. Уьш – сан шовда, сан лаьмнаш, сан Iаннаш, сан хIаваъ, сан малх, сан бутт, сан аьрзуш – со хезаш а, сох кхиеташ а, суна дан дезарг хьоьхуш а, сан сатедеш а ду. Цара соьга боху: гечдехьа, къинтIера валахь массарна а, хIоранна кхел йийриг сийлахь воккха АллахI! Гондахьа хьажал хьо. Мел хаза, даима сийлахь-доккха Iалам ду. Делахь а кхузахь, адамийн дахарехь санна чехка мох-дарц долий шакарца луьра догIа а, къора а, ло хьийзош, дерриг хIаллакхуьлу моьттура. Амма и дарц чекхдолу, массо а хIума чекхдолу. Оцу дарцо тхо цIандо: хIаваъ цIена хуьлу, тIулг а къега. Иштта эзар шерашкахь санна лаьтташ а, дехаш а ду тхо хаза а, дика а, бертахь а. Хьо а вахахь иштта хьайца а, гондахьачаьрца а.
Со-м хIуъу хилча а, сайгахь хIара хьал доллушехь, самукъа а долуш иштта вехаш ма вара… Бакъду…наггахь ламчохь гIаьттина дарц санна йоццачу ханна корта хьаьвзий, сайн «иччархочуьн тоьпах» каетташ, массанхьа и дIахьиежош, «етташ» - сайн дахарерчу уггаре а коьртачу тIамна киечам бо ас.
Биекхам! Биекхам! Биекхам!
ХIан-хIан! Со кху камери чохь хьерволуш ву. Сатиедан диеза. Молханаш!

28 декабрь, Iуьйре
Буьйсанна шалха барамехь молханаш кийра теттина ас. Цул тIаьхьа наб кхийтира. Iуьйранна хIума яа халла самаваьккхира кхара. ЙоI яра зIеетташ, цуьнан тахана концерт ю. Соьгара хьал хууш, йоьлхуш ю. Со боккъала а вочу хьолехь ву. Корта лозу хьерехилла. Радиолор а ву зIетухуш. Ша кху чуьрчу приборах ца тиеша. Коьртачу приборана тIевига кечло боху цо. Сатедан диеза. Керлачу шарна кхучохь муха вуьтур ву со.

Оццу буса
Эхь хиета. Суна чIогIа эхь хиета. Карзахвели. Цхьадерг-м дага ца догIу суна. Мел хан яьлла а ца хаьа. ТIаьхьо дерриге а дагадеара. Со хьалха ишттаниг лайна ма вара. Сан неI шашах схьаеллало. Есачу, боданечу коридор чухула чекх а волий, йиллина лаьттачу кабинет чу воьду со. Охьахуу. Суна хьалха аьнгалин пен бу. Аьнгалина дехьа сайн радиолор го суна. Даима самукъане хуьлуш волу и, хIинца сингаттаме а, оьгIазе а ву. Цо суна тIехьажайо цхьа хIума. Суна гахь а, я хиетахь а сайх цхьа лазеран зIенар чекхдолу. Стоьл тIе буй а тухий, хьалаэккхаш мохь хьоькху цо. Куьйга эшарехь соьга пенах кхозучу телефонан тIам схьаиэца боху.
- Хьайн бедарш охьакхийсахь, - маьттаза мотт а бу буьйцуш, - Царах юй-те и радиаци?
Ас охьакхуссу коч. Цо мохь бетта:
- Верзина вала!
Суна товш ца хиета. ТIаккха иза суна а гойтуш, ша верзина волу. Ас дукха садиттина. Бахьана хIун ду аьлча, цу чохь цара тхуна луш йолу бедар кехатах йича санна ю. Меттан   шаршу а, юргIа а, гIайба а оцу кехатах йина ю. Ткъа хIинца хеча охьаяккха воьлча и ятIа а яьттIа, оцу аьнгали чохь сайн ирча сурт ги суна – даьIахкийн чарх ю-кх. Декъаза заьIапхо! Со ву-кх цхьанна биекхам бан дагахь. Муха? Ткъа эццахь радиолоьро шен лазер суна тIехьажайо. Эццахь хIокху ирчачу кепехь со валарна кхеравели со. Сихвелла тIе хIума юхуш и кехат-бедарш ятIий ас. Ткъа и Iовдал суна тIе шен лазер хьиежош воллу. Эццахь ас цунна тIе сайн «топ» хьажайо и туху кеп йо. Иза хьала а иккхина, куьйгаш лестош, со Iовдал ву бохуш санна, шен лергаюххе пIелг хьийзо волавели.
Билггал дага ца догIу суна, аьнгалин пен буохо гIиртина хила мега со. Сайн куьйгаш-м лазийна ас. ТIаккха аравала дагахь дIахьаьдча, суо верзина хилар хиъна юхаъ оцу кабинете веъна со. Сайн эттIа йолу кехат-бедарш а эцна, сайн камери чу юха веъна. НеI шашах дIакъовлаелча, телефон йийкира.
- Ишттачу карзахаллица радиаци лахлур яц. Хьо дарба хилийта лууш ву я вац? – мохь хьоькху радиолоьро. – Кху хьолехь хьо аравалийта йиш яц. Компьютеран гайтамаш Америкерчу клиникехь а гуш бу. Хьо бахьана долуш сайн доьзал болчу ваха йиш йоцуш Iаш ву со, кху тIедогIучу керлачу шарахь.
- Э-у-у! – гIам-гIим до ас. Радиолоьро юха а чехаво со.  Ас телефон охьаюьллу. Юха а зIетуху. Ас схьаоьцу.
- Хьайна тIе бедар йоха. Хьоьга хьиежа хала ду.
Ас телефон охьаюьллу. ГIам-гIим до. Тхов кIелара схьа со тергалвеш йолу камера схьаяккха дагахь маьнга кIела тотту ас. Камери тIе ца кхачалуш охьакхетий лазаво. Къар ца луш цу камерна киншкаш, телефонаш етта волало. ТIаккха  цIенкъара хьала шокъетташ санна хьалайолало цхьа баьццара Iаь…
Шелонна самавелира со. Верзина цIенкъахь Iуьллуш вара. ХIинца Iаьржа ю. Делахь а, Москва хьалххе самайолу. Арара гIовгIанаш хеза. Сан коьртехь а ю ша-тайпа гIовгIа. Корта лозу, садиеIа хала ду. Амма ваха лаьа. Сайн кIентах а, массо а кIентех а, гергарчарах а биекхам бан кхин стаг воцу дела, ваха лаьа суна. Хаьа суна, цу кеппара карзахвийлахь, дарба дан хьовх, ваха а  йиш яц. Массаьрга а бертахь, сатедина, гечдина, къинтIера ваьлла хила  везийла а хаьа суна. МаьIна кхиеташ ду. Амма и синтем бохург а вахар ма дац.
Муьлххачо а ша Iедалан коьрте хIоьттича, шегахь ахча а, герз а хилча, хьуна а, хьан гергарчаьрна шайна луъург деш хилча – иза хьан лолла ду. Ишттачуьнца муха тарлур ву? Бертахь муха вехар ву?  Амма ваха виеза! ЙоIа зIетухур ю. Схьайиттина дукха ю. Цуьнан концерт муха чекхъяьлла техьа? Ткъа ас кхузаъь хIоттийнарг а яцара концерт? Массо а хьовсуш бара. Стенна яздо ас хIара? Эхь ду.

29 декабрь, Iуьйре
Айса и кеп хIоттийначул тIаьхьа, и газ лайначул тIаьхьа, метта ца вогIуш дуккха Iан там бара со. Амма екначу телефон чохь йоьIан цIе гича, чIагIвала хьаьжира. Суна гIоли а хилира. Концерт дика чекхъяьллера. Сан Шовда, сан хьоме хьоста чIогIа реза яра. Со а ву ирсе. Цуо соьца дехха къамел дира. ТIаккха елхаозийра, со цигахь ца хилла халахиета шена бохуш. Ткъа суна-м хаьа, шен нана цигахь хуьлийла цунна мел чIогIа лиънера, дийна йиснехьара…
Цул тIаьхьа зIеетташ вара Маккхал. Иза воккхавеш ву. Юха а хаийти Шовда цхьана шарна балхара мукъайолу, аьлла. Бахьанаш ца хьиехадо оха. Товш дац. Аса, бIаьрг хиларна кхоьруш, яздийр а дац цунах. ХIара йоза хьан доьшур ду? Доцца аьлча, кестта сох ненада хила мега…
Ишттачух лаьцна яздан, ойлаян а хазахиета. Дикане хиндолчуьнга сатуьйсу. Делахь, кху чохь чоьхьара зIе а ма ю.
- Ахь сан леринарг дохий, - боху радиолоьро. – Хьо бахьана долуш, Майами доьдучу кеманан билеташ шозза дIаделла ас. Ткъа хIинца, керла шо тIекхочуш уьш вуно дазделла. Цигахь соьга хьоьжуш доьзал бу. Кхана кху чуьра массо а лазархо аравалийта виезаш ву. Ишттачу радиацица хьо ара валийта бакъо яц сан. Америкера дуьйна схьа тергоеш ду кхузара хьал. Со балхара дIаваккха тарло. Метта а волий, сатедехь хьайн… Ахьа къаьркъа меллехьара, самукъадалар а, радиаци лахъялар а хир дара… Ма Iовдал ву со! Хьан метта хьуна тIера мер ду ас… Хьан могашаллина тIера.
Ас камери чу куьг ластадо. Америкех лаьцна ойла а еш. Дика ду-кх цара хIара тентакаш тергалъеш. Ма белхахой а бу! Шайн бераш цигахь кхиадо, таро йолчо. Массеран а ма яц и таронаш. Сан хIун бала бу Амеракаца. Суна сайн лаьмнашка хьалаваха лаьа. Бакъдерг аьлча, цхьана-шина денна Европе а гIур вара. Сан лазаре хьаьжча и кхин гур юьйла а ца хаьа.

Оццу дийнан Iуьйре
Юха а зIеетташ йоьлхура йоI. Кхечу кепара йоьлху. Радиолоьре къамел дина хилла цо. Соьгара хьал муха ду а хиъна. Ас муха  сатедийр ду цуьнан? Хаам язби. Юха радиолоьре а язди: сайн лаамца со аравалийта аьлла кехат яздийр ду ас, аьлла.
- Хьан кехат ца хилча а, араволуьйтур вара хьо, - мохь хьоькху радиолоьро. Амма хьан анализаш Америкехь гуш ю. Хьо аравалийтар – зулам ду. Хьан радиаци кхечарна Iаткъам хир ю.
«Оццул чIогIа тхох дог лозуш ю Америка?» - язди ас цуьнга. Яздан малоеш цо зIетуху.
- Америкех доьзна дац хIара. Фирма ю шайн цIе ларъеш.
- ХIа-а, и ду и? ЦIе а, сий а боху кхиетам а буй-ца хIинца а лиелаш. Ткъа сан сий?! ХIан-хIан! Карзахвала мегар дац. Ас со ларвийр ву аьлла, дош делла йоIе. Со сатедина ву! Дала кхел йийр ю… Даима вочуьн ойла хIунда йо ас, сан дахарехь самукъанениг а ма хилла.
I993 шо долалуш дара и. Суо хестор товш дацахь, со санна цомгушчо бен доьшур дуй хIара йозанаш, цундела дозалла дийр ду ас – оха хьаладаьккхина долу мехкадаьтта дIадоьду биргIа цIанйира ас, оцу тIелеттачу къуйх. Кхечанхьа дацара и. Цу тIехь, бакъдерг дийцича, ваша Гехон кIенташа гIо дира, суна вежарий санна ма бара уьш. «Бара» бохург язди ас. Халахиеташ делахь а, иштта нисделира, юкъаметтигахь дIахаданза яра. Сингаттамениг дуьтур ду вай.
Нохчийчохь, ерриге а Россехь санна, 90-гIа шераш дуьйладелча халкъа бахам боьхний, баьржиний бара. Лачкъош, ядош яра ша ерриг, сан Урхалла хьалхелелош ю, мехкадаьтта доккхуш, дIадохьуьйтуш, и оьшуш а, механа деза а хиларна. Амма тхуна схьалуш алапа дац. Цхьацца сурсаташ кхийдадо, мехкадаьттанах хийцахьара бохуш. «Бартер» ю боху и. Цкъа-шозза сайн Iовдалалла и бартер йира ас. Цул тIаьхьа керла шо тIекхочуш дара и, биргIа дIакъевлира ас – ахча дацахь, мехкадаьтта а дац, аьлла. Министерстве а кхайкхина, со балхара мукъа воккхур ву элира. Со реза хилира, суна а, белхалошна а догIу ахча схьалахь.
- Алапа доцуш массо а ву! – мохь белира министран.
- Со юкъараойлехь Iаш ву, ткъа аш квартираш а, цIенош а стенах ийдо?
Со цу къовсамехь тоьлур вацара. Делахь а, цу дийнахь инарла-президент массо а ша волчу кхайкхира. Иза, мухха велахь а, катухучарах вацара. Сайга дош делча, нагахь санна тахана вайн экономика махлелорца йоьзна елахь, оха доккхуш долчу мехкадаьттанах догIу ахча схьадала диеза, элира ас. Шо даьлла оха алапа схьаэцаза. Инарлина хьал девзачух тера дара.
- Хьайн доьзалца хьо мичахь вехаш ву?  ЮкъараIойлехь? Ткъа хьо мичахь Iаш ву? – министре до и хаттар.
Цу дийнахь керла министр хIоттийра. Иза шел хьалха хиллачул гIолехь вара ала ца воллу со. Ишттачу дарже кхача гIерташ болу нах шатайпа бу. Цул тIаьхьа шозза соьга кховдийра и дарж. Со реза ца хилира, цигахь цхьа харцонаш ца лелийча болх балур боцийла хууш.
Тхан урхаллин а, министерствон а юкъаметтигаш тоелира. Со цхьа махбан хууш вацара, я махлелочарах тиешаш а вацара. Эцца гучубевлира цхьа коммерсанташ, шаьш гIо дийр ду аьлла. Царна юккъехь ваша Гехон кIант а вара. Цуьнца барт а чIагIбина, болх дIаболийра оха.
Ваша Гехон кIанта  тхан барт буохош, ахча схьа ца луш хьиедира. Гергарло гергарло ду, элира ас, болх болх бу. Суна тIехьа лаьтташ белхалойн коллектив а ю. Ткъа оццу мехах суна хьалххе ахча схьалуш меттигаш а ю. Гехон кIанта мехкадаьтта заводе дIатеттина хиллера. Цунах бензин деш ханъяьлла, амма цо цунах боккха пайда эцна, суна оцу ахчанах дакъа дан кийча ву ша, боху-кх. Ас и човхийра. Ваша Гехон кIант ца хиллехь, цуьнца ас кхин болх бийр бацара. Оха шимма мехкдаьттанан мах лакхабаьккхира. Массо белхалошна церан алапе хьаьжжина совнаха ахча тIекхиетара. Суна массарначул а алсам кхочура. Ах шо далале сох миллионер хили. Ахча дайделла. Зудчо долларш эцийта, кхечу гIалахь хIусамаш эцийта боху. ЙоIана хьиеха стаг ца караво, коьртаниг республикехь даьржина зуламалла ду. Берийн диешар а чIогIа ледара ду. Ткъа дIаваха… цкъа дIавахна лелла со. Цунах хилларг ду дагахь лаьтташ. Тхан цхьанакхиетараллехь дукха шерашкахь болх бина, лоруш волу говзанча, Соьлжа-ГIалахь вина а, кхиъна а волу оьрси вара иза а дIавоьдуш ву. Кхеравелла ца воьду ша боху, массо бераш а, гергарнаш а дIабахна, дIакхойкху шега боху. ГIалин юккъехь йиъ чоь йолу квартира а, чуьра йийбар а юхкуш ву иза. Уьйтахь чохь лаьтташ цIена машен а йолуш гараж ю, гIалин йистехь стунненах дисна цIа ду. Доккха дацахь а цIена, хаза ду. Цул сов гIалал арахьа аьхкенан цIа а ду. И берриге а бахам оьцу ас цуьнгара. Иза а,  цуьнан библиотека а Краснодаре дIакхачо тIелоцу ас. Ша дIаваха ца ваьхьара и. Юха а сингаттамениг хIунда яздо ас?.. ХIинца мукъане а. Мел оьшург а цкъа дола а яьккхина хьалдолу стаг хуьлуш ву-кх сох. Iехавалар!? Дахарехь Iехалуш а хуьлу-кх. Вайн дахар ша ма-ду  Iехавалар! Хийлаза  дийцина а, хезна а туьйра. ХIуъу хилча а, чаккхе гIийла ю-кх. Амма со тиешаш ву. Яздинарг дохалур дуй техьа? Амин!

Оццу дийнахь, делкъал тIаьхьа
Суо бахьанехь радиолоьро бала хьоьгуш эхь хиета суна. Юха а со аравалийта аьлла кехат яздан кийча ву, бохуш яздо ас цуьнга.
- Ас доьху хьоь, сатеде хьайн, - зIеетта цо соьга. Могашалло бен юхатухуш яц радиаци. Бехкениг сахьийзар ду. Синтеме волахь, ирсе хила хьажахь хьайгара киншка а йоьшуш.
- У-у, - гIам-гIим до ас. Соьгарчу хьолехь ирсе муха хир ву? Со тергалвеш а, хьиехарш деш а ву и:
- Ахь яздечу хенахь а лахло хьуна радиаци. Стенах лаьцна яздо ахь? Дагалецамаш хир бу. Со а ву пенси вахча яздан дагахь, берашна дагахь латто.
- У-ху, - корта таIабо ас, сайн дагахь. ХIокху радиолоьро хIун яздийр дара, бохуш. Ша со санначу тентако шен хенна керла шо тIекхочуш Америке ца вахийтира, аьлла ца яздахь. Ткъа суна и юха а тIехдетта, хьиехар деш санна, боху:
- ХIаъ, ахь язделахь. Ахь яздечу хенахь сатедина, схьагарехь иштта хуьлу хьо. Кхана радиаци лахъяла йиеза хьан, со дIаваха а виеза. Ас кхузза билеташ дIаделла. Церан хIун мах бу хаьий хьуна? Ткъа сан догъэтIар? Со а сайн доьзал болуш, уьш ган а лууш, адам м аду.
- У-у, - бехкала воьдий, гIам-гIим до ас. Вистхилалуш велахьара, хьайн Америкехь а ца Iойтуш, хьайна юххехь бита эр дара ас цуьнга. Со суо а хилла-кх цхьана муьрехь иштта Iан диезаш. И хан дагаяийта а, цунах лаьцна яздан а лаьа суна. Цо сатедийр дац. ТIаккха цIаьххьана лийча виеза со. Лийча аьлча а, сайга далучу кепара тIуьначу гатица дегI цIандан диеза ас. Радиаци лахлур яцара техьа.

30 декабрь, буьйса
Со яздан хиъча, боккъала синтеме хуьлу. Сийсара дегI цIанда гIиртира со. Маржа яI! Эрна хилла-кх. Юха радиолор мохьбетташ вара. Амма со сапаргIат вара, хIунда оцу радиолоьран счёт тIе шортта ахча дахьийтина, аьлла зIетуьйхира Шовдас. Цундела дукха тIех оьгIазъиэха ца оьшу и радиолор. Царах а эхьхиета суна хIинца. Пхьуьйра хан хилале лорйишас зIетуьйхира. ГIийлачу озаца хаам би, Америкера бакъо а елла сан радиолор цIавахна, мегарг Iодика а ца еш, шега со тергалве а аьлла.
- ХIинца массеран а меттана со Iан йиеза-кх кхузахь… Керла шо а тIекхочуш ду. Со йолчу хьеший а баьхкина… Ма кIордийна-кх суна шу массо а.
Ас бехкала вахча санна дуьхьала гIам-гIим дой, хаам язбо: «Бехк ма билла. Со бен кхи цхьа а висний цомгушчарех?»
- Керла шо тIекхачале массо а араволуьйтур ву.
- Ткъа со?
- Иза ас къастош дац. Кхана кхин радиолор вогIур ву. Цо хьо гондахьарчарна кхиераме вацахь ара волуьйтур ву.
Со хьалхарчу даржан заьIапхо, юкъараллина кхиераме ву аьлла чувоьллина ву-кх.
- Ахь сатеде хьайн, - хьиехамаш беш ю лорйиша. – Дика кхача баа, язде. Лоьро бохура, яздечу хенахь хьо дуккхаъ гIолехь хуьлу.

31 декабрь, Iуьйре
Чувоьллина воллушехь хаьа суна, ерриге а Москва а, дерриге дуьне керла шо даздан кечлуш дуйла. Оцу дерриге дуьненна даздарехь со совваьлла-кх. Цунна-м ас башха са а ца гатдо. Дезденош диезаш вацара со. Уьш тIекхаьчча суо урхаллин куьйгалхо волчу хенахь а, массо а мукъа а вуьтий де-буьйса токхура ас балха тIехь. I994 шо тIекхочучу буса хилларг дагадаийта а ца лаьа.
ХIинца сан керла хьаькам а, лор йолу лорйиша а ю соьга язде бохуш. Цо тахана вогIур ву аьлла, керла радиолор гучу ца вели. Цу хьокъехь яппарш а йиттина, тахана башха юургаш хир ю делкъана, аьлла хаам би лорйишас. Ша а адам ду, цIа йоьду делкъал тIаьхьа. ШолгIачу январехь бен юха а ца йогIу. Ас садетта а деза, харцахьа а ца лиелаш.
- Хьо ма-варра интернетчухула Америкехь гуш ву хьуна. Дика лиелалахь… Керлачу шарца! Язделахь, тIаккха синтем а хир бу. Лоьро а и диэ аьлла яздина.
«Со воцург кхин адам дуьсий кху чохь?»
«Дуьсу. Цхьа йоккха стаг ю. Ша дIаяхалур йоцуш. И дIайига гергарнаш богIур бу».

Оццу дийнахь сарахь
Керлачу шеран совгIат кхечи соьга – пхьор чохь долу гIутакх гучудели.
«Хьо хIинца а дIаяханза ю?» - лорйише хаам язби ас.
«Ю! ХIара йоккха стаг дIайига цхьа а ца веа», - оьгIазе диека цуьнан аз телефон чохь. Кхин а цхьа пхийтта минот яьлча юха зIеетта лорйишас:
- Тоьур ду, - аз карзахе дац. – Кхин кхузахь Iан йиш яц сан. Массо неI а дIакъовлу ас. Йоккхачу стаге хьожуш хилалахь.
Цхьа Iовдал омра санна дийкира и дешнаш, сан самукъа а доккхуш. Чувоьллина воллуш волу,  со кхечуьнга муха хьожур ву… Хаза ду и!
Радиолоьро шен меттана кхин лор витна. Иза гучу а ца ваьлла, лорйиша йиснера. Иза а шен диекхарш суна тIе а дехкина дIаяха. ХIинца хIокху меттиган да ву-кх со. Иштта ю-кх Россехь йолу америкин клиника. Бакъдерг дийцича, Москварчу больницашкахь дукха бехна бацахь а, лоьраш хуьлу муьлххачу а дезчу дийнахь. Ас-м и ала дашна боху. Кхузахь со тергалвеш цхьа а воцуш, со меца воцуш а хиларна реза ву со.
Америкера дуьйна схьа со тергалвеш ву бохург а аьшпаш бу. Кхузарчарна  совваьлла волу со, цигарчарна хIунда оьшу. Кхиеташ ду. Керла шо… ХIара дезчу дийнан хьал хаалуш ду суна. Телевизоро хIун боху хьажа виеза.

Керлачу шеран буьйса
Шераш дIаэхарх хийцамаш кIезиг бу. Ткъа шо хьалха хIокху буса гойтуш хилларг  ду тховса схьаоьхушдерг а. ХIетахьлерра артисташ а, эшарш а йолуш санна хиета. Ткъа зама-м сихъелла йоьду. Даздар хаало. ХIокху буса оццул дукха наха со декъал вийр ву моьттуш вацара со.  ЙоIа зIе туьйхира, Европера зIеетташ Маккхал вара. ЦIера Нохчийчуьра а гергарнаш а, бевза-биезарш а бара зIеетташ. Массара а со декъалвора, могашалла хоьттура. Цхьа сингаттаме хаам а бара. Сан лаьтта тIехь курорт йилла дагадеъна хьийзаш цхьаъ ву боху. Меттиг хаза ю. Делахь а лаьмнашкахь иштта меттигаш шортта ма ю. И гIуллакх долийнарг мила ву, сайна хууш санна тарло суна. Делахь а хьанна хаьа, иштта ца хила а мега.
Мухха делахь а, сайн ма-хуьллу дуьхьало ян гIерта со, и дуьхьало ян сайгахь гIора дацахь а. Иштта заманаш ю-кх. Синкъерам дIабели. Наб а ца кхиета. Арара гIовгIа совъюьйлу. Буьйса юккъеяхча яккхийчу тоьпийн шатлакх доладели. Суна хезарг Нохчичохь хиллачу тIеман татанаш ду. И тIом чекхбаьллий техьа? Суна-м ца баьлла, сан дахар цо хийцина дела. Иттех шо хьалха хIара санна йолчу керлачу шеран буьйса хилира иза.
I993 шеран 31 декабрехь республике хьал кхераме дуйла а хууш, сайн урхаллехь буьйса такха вахара со. Зуламхошна деш таIзар а доцуш, маьрша нах кхерамехь бара. Ткъа и дерриг а ца гуш санна сайн  бахаман чувоьлла мехкадаьтта доккхуш, юха и заводе дIатуьттуш вара сайн ма-хуьллу.
Оцу буса биргIанера мехкадаьттанан таIам кхийсалуш хаабелира суна. Лахлуш а бара и. Цхьамма биргIанах Iуьрг даьккхина, мехкадаьтта лечкъош хиларан билгало яра и. Низамца догIуш ма-хиллара, цу хьокъехь ас хаам бира тхешан кхерамазаллин декъе. Милици хIетахь болх ледара беш яра. Раци чухула соьга схьаэлира, Iуьйранний бен цига хьажа таро яц, кхераме ду, аьлла. Сахилале  мехкадаьтта лачкъийна ца Iаш, лаьтта охьаIенар ду.
БиргIинах Iуьрг даьккхина меттиг гергарчу хьесапехь мичахь ю сайна хуу дела, машенахь цига ваха новкъавелира со. Керла шо тIекхачар даздеш кхуьйсуш автоматаш, пулеметаш а ю. ДогIуш ло а ду. Хазалла ю-кх. Сайн доьзал а, бераш а дагадеъна, кху сохьтехь цаьрца хилча бакъахь вар-кх со бохуш. Ткъа со  талорхой болчу воьду. Уьш герзах боьттина хир бу. Кхераме ду. Цига ма гIерта бохуш йиека раци. Со дуьхьал волий, раци дIа а йойъий дIавоьду. Юха а йиека раци. Дог туохалой, хьала латайо ас иза.
- ХIинца кхузахь хьан зуда яра. Шун кIант лачкъийна боху.
Коьртах варзап тоьхча санна хиета. Тормоз тухий машен сацайо ас. Минотехь, я совнаха хилларг хIун ду ца кхиеташ, тентакваьлла Iа со.
ХIу де ас? ХIун дина ас? Сайн белхан декхар кхочушдан вахар-кх. И талорхой герз карахь долуш буйла хаьара. Уьш пхи-ялх стаг велахь а, со оьгIазвахнера, уьш мехкадаьтта лечкъорна хилла ца Iаш, сан кIант лачкъорна а бехке хиетара суна. Цара со вен тарлора. Делахь а ас и зуламхой дIалаьхкира, жимма царна хIума а кхиеташ, дегIехь онда ницкъ бара сан цу хенахь. Суо хестош вац со, цхьаммо а хIара йоза доьшур доцу дела яздо.
Цу буса сахиллалц болх а бина цIа вахча, хилларг хIун ду хиира. ХIетталц суна я кхечу нохчашна а хезна дацара Нохчичохь адамаш лечкъадо бохуш. Ткъа хIинца ша-дерриг лачкъош ду. Баккъала аьлча, тхешан доьзална тIехь оцу зуламхойн тидам хир бу аьлла дагахь а дацара суна. Со хьанал къахьоьгуш волу могIарера белхало ма ву. Мухха велахь а, мехкдаьттанхойн хьаькам ву бохуш  а ву. Сол хьалдолуш а хьаькмаш кхин дуккхаъ бара. Со массарел а гIийла ву аьлла хетта хир ду-кх царна. КIантехь хIун хьал ду? Цуьнан пхийтта шо бен дац, ма доккха тохар ду и цунна! Муха ву и? Мичахь ву? Дийна а вуй-техьа? И дерриг а лан хала делахь а, кIентан дуьхьа берриг а ницкъ гулбина кийча хила виеза, лата диезахь лата а. Хьаьнца?
Цхьана дикане сатуьйсуш, уггаре а хьалха прокуратуре а, милице а кехаташ яздира ас. Цара сан дIахьедар тидаме эцна, шайна луш алапа а дац, машенаш чу бензин дотта ахча а дац, суна дан гIо-накъосталла дац, элира.
Дан амал доцуш, цхьа а лар ца карош хьаьвзира со. Зудчуьнгахь вон хьал дара. Суна гергахь садеттахь а, цуьнан юьхь тIехь гуш бара цуьнан дагчуьра бала. Хьайн луъучу дIагIо важа ши бер а иэций, элира ас цуьнга, бисинчу доьзалхойн а сагатдеш. Иза дуьхьалъелира…
Нисса цхьа бутт баьлча тхоьга цхьа кехат кхечира. 250 эзар доллар кечде шайн кIантах схьадала, аьлла. Соьгахь 2500 доллар а дац цу хенахь. Хилчаъ лур долуш вацара. Делахь а цхьа лар гучуели-кх. Кехат дахьаш баьхкинарш тIехь номерш а йоцчу Iаьржачу «BMW» тIехь хиллера, цхьа агIо чутаьIна а болуш. Тхайга цхьа хаам бохьуш и зуламхой гучубовларе хьоьжуш Iаш дара тхо а. Уьш совцо а, схьалаца а дагахь ас дуьхьал тесна йолу сан «Нива» юьстах а кхуссуш, тIехъиккхира церан онда машен. Церан Iаьржачу гIуллакхийн боьха лар санна йолу кхагаре хьожа оцу новкъахь а юьтуш къайлабевлира уьш. Оцу лорах тиебаш и лар толлуш дIавоьдуш, суна гучуделира, уьш мел боьха а, къиза а адаман сибатехь йолу акхарой ю. Церан корташкахь (синош-м церан хуьлийла а дацара) хьагI а, цабиезам, сутаралла, къизалла, эхьдацар, стешхалла, сонталла, кхерар дара. И лазарш дайдан гIерташ, таблеткаш муьйлуш, наша узуш, насвай бага туьйсуш болчу царах, сайн бисна доьзал а ларбархьама, ши бер иэцна республикера араялийтира ас сайн зуда. Ставрополе кхечира уьш. ТIаьхьо гучуделира, цигга дIаяхна хиллера Шовдин музыкальни хьиехархо а. Иштта оцу луьрачу муьрехь а йоьIан дешаран гIайгIа беш яра нана.
Со-м и хIумнаш а, музыка а дагайогIучохь вацара. Уьш дIабаханчул тIаьхьа сан ка ястаелира. Уггаре а хьалха ас шортта тайп-тайпана герз ийцира. Иза шортта духкуш дара кхузахь. Делахь а оцу девнна юккъехь, мостагIаллехь, тIамехь цу талорхошна дуьхьалваьлла со суо вара. Суна гондахьа ваша Гехон кIентий а, сан гергарнаш а, юьртахой а, тайпана нах а бара. Делахь а, юкъа а озийна царна чIир кочаяийта ца лаьа суна, дийнахь а, буса а уьш сайна юххехь белахь а.
Юха а киехат кхечи, ши кIира далале ахча ца хилахь, кIант вуьйр ву шаьш, аьлла. Видеокассета а яийти. Цу тIехь азвелла, модаш вуьзна, ша кIелхьара ваккха бохуш, доьхуш сан кIант ву. Со хьаьнцца тIом бан а, вала а кийча ву. Нагахь санна со лахь, Iовдал санна, цул тIаьхьа хIун хир ду? Биснарш муха Iийр бу? Ойлаян а, сатедан а диеза. Лаьмнашка хьала ваха дагадеара суна. Цигахь тийналла ю.
Сайн шовданан хи а мелла, тархаш тIе ваьлла, цIенчу хIонах кийра бузош, стиглахула хьийза аьрзуш тергалдеш Iийра со. ГIехьа сатедина, сайн бала байбина, ойла йича, арахь айса суо тергалвича, дагатесира – со зуламхо ма вац, я хила хууш а вац. Герз стенна оьшу суна. ХIокху лаьмнашна а, кхузахь даьхначу адамашна а кхин ирчаниг гина хир ду-кх. Со верг а хилла, Iан виеза со. Сатоха а, хIун йистйолу а хьожуш. Дерриге а Делан лаамехь ду. Ишттачу дегайовхонца Соьлжа-ГIала охьавеара со. Ткъа адамаш лечкъор совделира. Цхьа тоба, я масех тоба ю и зуламаш дийриг, хууш дацара. Амма суна хIетахь а, хIинца а уьш вовшашца уьйр йолу, цхьамма шайна тIехь куьйгалла деш ю аьлла хиета.
Сайн берриг а бахам дIабоьхкича цара дуьйцучу ахчанан кхоалгIа дакъа а вовшахтохалур дац соьга. Герзаша суна гIодийр доцийла хаьа суна. Оцу гуш боцчу талорхошца тIом бан волалахь, со оьшур ву, сайн гергарчарех цхьаъ верна а кхоьру со. ТIаккха сайн герз дохка араволу со. Амма соьгара и герз оьцуш стаг вац. Массо а герз духкуш ву. Ас герз дика гатан юккъе а хьарчадой, мекха ца долийта, лам чу хьала а хьой, цхьана тархан юккъерчу херонна чу дуьллий дIахьулдо.
Сан отпускан хан чекхйолу. Балхо жимма бала байбаре сатуьйсуш, балха араволу со. Цхьа ши де даьлча сан кабинета чувогIу онда ши жимха. ХаьнтIехь тапча а ю, цу хенахь инзаре хIумаъ дац уьш хилар. Шаьш муьлш ду ца дуьйцуш, соьгара сингаттам хууш ду шаьш боху. Оцу ахчан метта пхи цистерна – 250 тонна мехкадаьтта делча а тоьур ду, боху. Уьш кхин а цхьаъ ала дагахь хиллехь а, я аьллехь а, суна дуьхьал теснарг сан декъазчу кIентан сибат дара.
Дукха чIогIа карзахваьлла сайна хьалхарчу стоьла тIехула кхоссалуш и къамел диначуьн садукъдеш вара со. И шиъ дIагIур вацара, коридор чохь Iаш ваша Гехон кIант а, кхин ши белхахо а вара. ТIебаьхкинарш а дуккха хиллера. Арара церан накъостий хIаваэ хьала автоматаш кхийса буьйлабелира, сан белхахо а лазийра. Корта лазийна, мерах оьхуш цIий а долуш, гIорасиз царна тIаьхьа неIалташ кхайкхийра ас. Шина «BMW» машинашкахь къайлабевлира уьш. Сайгахь хIетахь герз ца хиларна дагахьбаллам бара сан… Цул тIаьхьа хьала а вахна, ас дIалачкъийна хилла герз охьадеара аса.
Сан белхахошна оцу веъна хиллачу шиннах цхьаъ вевзира. ХIинца пенсехь волчу, республикехь гIараваьлла хиллачу мехкадаьттанхочуьн кIант хиллера. Суна а дика вевзаш, лоруш а волуш, боккхачу доьзалан да вара иза. Цу сарахь сайн бихкина корта а болуш, сайца ваша Гехон кIант, кхин шиъ гергара стаг а волуш и волчу дахара тхо. Соьлжа-гIалин йистехь даккхийчу цIенош чохь вехаш вара и. Цунна лулахь дийнна куп дIалаьцна вехаш вара цуьнан бархI кIант. Ас лаг лаьцна хилларг цуьнан уггаре жимах волчул воккханиг хиллера. И цIахь вацара. Ткъа воккхах волу пхи кIант шайн дена уллохь хевшина Iаш бу. Массаьргахь а бохург санна герзаш ду. Дукха дах а ца деш ас ма-дарра дIадийци хилларг.
- Тхан вашас хьайн кIант лачкъийна ала гIерта хьо? – кIоршаме хоьтту соьга  воккхахволчу кIанта.
- ХIаъ, - цунах терра жоп ло ас. Вежарий хьала гIовтту.
- Охьаховша! – омра до дас, шегара Iаса воккхахволчуьн настарх а тухуш.
Ехха тийналла хIутту.
- Дезткъе шийтта шаре ваьлла со, - йовхарш тухуш эли воккха стага. – Ишттаниг тхан цIентIехь дуьйцу хезна а дац. Я хезар ду моьттуш а вацара со.
- Аьшпаш бу уьш! – цергаш хьекхайо  воккхах волчу кIанта.
- ДIасаца! – омра до дас.
Халачу ойланаша базбича санна, корта охьатаIабой, шен карарчу Iасана тIе тевжа воккха стаг. ГIеххьа Iийначул тIаьхьа йишхаьллачу озаца:
- Вала гергаваханчохь – иштаниг… Ахь бохург тхуна хезна хьуна. И чIогIа боккха бехк бу ахь тхоьга кховдийнарг. Цуьнца ваха хала ду, я вахалур а вац. И къасто диезаш ду тхо.
ШолгIачу дийнахь сарахь сайн кабинет чохь Iаш кIантера хьал хьоьхура даго. Ламчу хьала вахна, герз схьа а эцна, и воккха стаг лачкъор ву ас! Иштта корта хьаьвза-кх. Ас и динехьара? Дан тарлора. Амма дахарехь хиндерг хаа йиш яц-кх. Сайга и хаам муха кхечира дага а ца догIу. кIант цIахь ву элира. Ма чехка вахара со. Ткъа иза азвелла, модех вуьзна, гIийла велакъиежаш хоьттуш ву-кх:
- Мама мичахь ю? Жимахверг? Шовда мичахь ю?
Сайн хIетахьлера синхаамаш муха буьйцур бу аса. Таханлерчу заманца юьстича и хан дика яра аьлла хиета-кх суна. Ткъа хIетахь со карзахваьлла а, воьхна а вара. Цкъаделахь сан  муха паргIатваьлла ца хаьара суна. Зуламхойх тоьшийла яцара. Сайн воккахволчу кIантера хьал а гора суна. Хала дара цуьнга хьиежа.
- Мама йолчу дIавигахьа со. Кхузахь кхин Iан лууш вац со, - дийхира цо гIийлачу озаца.
Со а вацара кхузахь ваха лууш. Вита а ца вуьтура цIахь Iан. ШолгIачу дийнахь болх охьатесна, кIант а эцна Ставрополе дIавахара со. КIантана дарба лиело а дезара. Со суо вара цхьа пунт хиллал дегI дайделла. Соьгара хьал долуш, гIелъелла, мацъелла ерриге а Нохчийчоь а яра I994 шо юккъе доьдучу хенахь. Мича кхаьчна вай! ХIинца цунах кхиета хала делахь а, хIетахь сан машен сайн республикера араяларца, садаIа аттачу даьлча санна хийтира. Цхьа ломара чухахкабеллачу лайн токхамах суо кIелхьарваьлча санна хиетара…
ТIаьхьуо тIом болабалале хиира къеначу стеган и спортсмен волу кIант шен машен чохь Соьлжа-гIалин юккъехь вийна карийна, аьлла хезира. Кхин цIийIанош Iоттабаккхамаш хиллера. Цул тIаьхьа цахилча йиш йоцуш санна бакъболу тIом буолабелира.

2006-чу шеран 1 январь, Iуьйре
Маршо бохург доккха хIума ду-кх! Лаахь ца лаахь а Iуьйранна бархI сахьт даьлча хьалагIатта виезара. Контейнер  юха хьажо еза, лорйишига гIовгIа ца яйта. Ткъа тахана лорйиша а яц, юург а яц, со самаваккха адам а дац. Со са а хилале сема ву. ХIокху тийналлех цецваьлла. Ерриге Москва елча санна, тийна ду арахь. Керла шо даздина набъеш хир  ву массо а. Дукха цецваьлла куоран уьнтIе хьалаваьлла со. Москва еса ю, пхеа-ворхI минотехь тергалъярх, Профсоюзни урамехь цхьа а адам ца ги суна. Цигахь даима юкъа хуьлу машенаш дукха йолуш.
Ма тамехь ю тийналла. Сан лаьмнашкахь хуьлу тийналла яцахь а, хаза ю. Ткъа лаьмнашкахь! Хазахиета-кх сайн и лаьмнаш долуш. Цигара тийналла! Туьйранан, ялсаманин тийналло абаде, йистйоцчу кханене дIавуьгу. Сайн операци йинчул тIаьхьа ламчу  хьалавахара со. Сингаттам, мацалла – хIума яа таро яц. Оцу катетерчухула яа-мала хьовх, садаIа а хала ду. Цунах вуола хала ду суна. Лиела а хала ду. Ницкъ бац дегIехь. Малхехь охьа а ***й и хазалла тергалъеш Iа-кх. Гондахьарчу Iаламан шоралла а, андо а гуш, суо цхьа сагалматах тарло суна, сайн дисна денош кIезиг хилар тидаме эцча-м муххале а. Кестта сан гергарнаш а, лулахой а каш даккха хIуьттур бу. Сан дакъа оцу шийла, тIуьначу тIулгашна юккъерчу лахьти чу диллина, иштта шийла а, тIуьна а жагIа тIехьокхур бу. Сан коше ван мила хир ву.
Иштта гIийла ойланаш еш вехха Iара со. Юххехь шен шабарш деш шовда хуьлура, тийналла а яра. Ма чIогIа йиеза суна и тийналла а, сайн лаьмнаш а. Царна со виезаш а хиллера. ТIаккха суна шена дукхадезачу адаме бен йостуш йоцу къайле гучуелира. Лаьмнаш къамел деш хиллера вовшашца а, есаллица, дерриге а дуьненца а. Шайга ладогIа а, шаьш дуьйцучух кхиета а, шаьш диеза а, лара а хуучаьрций бен и къамел ца до цара. ХIума ца хуучарна моьтту и лаьмнаш тийна лаьтташ тIулгийн тархаш ю. Ткъа лаьмнаш хазалла а, дахаран хьоста а ду. Дерриге а зуьриетан  ага ду лаьмнаш. Лаьттан хазалла а, хазна а ю лаьмнаш. Цуьнан чIагIо а ю. Царна тIетийжаш ю стигал. Цаьрца дерриге Iаламца къамел до вайн лаьтто. Кху дуьненан йистйоцу хазалла тергалъян таро ло  лаьмнаша. Хьуна даггара лаьмнаш диезахь, цара лоькху эшарш а хезар ю. Суна а хезира уьш. Суна хезара лаьмнийн кура, сийлахь дика аз. Цара со шайга кхойкхура, хьоьстура, сатедора, лакхавоккхура. Церан озах кхийтира со – диканиг а, вониг а, дахар а, цуьнан маьIна а Делах а, хьайх а тиешаш хилар ду. Велла дIаваллалц кху дахарехь нислушдерг дуьххьара ду. Амма хьо хьайн лаамашца а, гIуллакхашца а лекха а, оцу лакхене кхийдаш а хила виеза, хьо а, хьан ойланаш а, зама а, меттиг а йистйоцуш юйла а хууш. Дуьненан а, эхартан къайленаш санна  йистойуш ду дерриге а. Лаьмнийн зезаг санна малхе, лакхене кхийдахь, дахаран хазаллин къайленаш схьаеллалур ю хьуна.
Корта хьалатаIийна сахуьнга вала. Лакхене гIерта, охьа а ца иэгаш… Сайн лаьмнийн басешкахула хьалавахара со. Ткъа муха гIур ву, когашкахь гIора ца хилча. Уьш базбелла, са ца диеIало. Катетеро шок йиетта, дог а деттало, буйна доьллинчу хьозанан санна. ХIора гIулч ягарйо ас. Цхьа бIе гIулч хьала ваьлча садоIур ду-кх аьлла хиетара. Итт гIулч яьккхича охьавуьйжира. Лазар чIогIа ду. Сан лазарина тIе дог датIар нислахь хIун дийр ду тIаккха?..
Кхеравеллачохь  агIорваьлла басахь Iилли, дагна гIоли хилча, сан лаппагIа йолчу охьатекхар ву-кх со, бохуш. Лаьмнашкахула лиелар вац со хIинца. И ойланаш ас йиечу хенахь лергара гIовгIа лагIъелча суна хезира:
- Ламанхо вац хьо? Охьатекхар ву бохург хIун къамел ду? И ойла хилира хьан? Лайн ойла ю и. Хилийта хьан дегI доьхна а, цистина а, къанделла а. Амма хьан ойла, лаам, са, сатийсам даима а цIена а, къона а, дика а, хаза а хила биеза! Уьш лаьтта тIехула айъабелла, стигала йистйоцчу абаде кхийдаш хила биеза! ТIаккха хьан гIийла дегI оцу хан ойланна тIаьхьа тIома дер ду! ГIатта! Цхьа де бен дацахь ломан буьххьехь даккха – уьшалахь текхачул сийлахь ду хьуна иза.
Со хьалагIаьттира. Хьалавахара аьлча, меттахвелира-кх, дегIаца охьаоьхуш довха хьацар а доцуш. Сох дуьйлу хьацар делахь, шех схьаетталуш молханийн  хьожа а йолуш, хьалхалера хьацар дацара и. ГIулч мосузза йоккху, са а доIуш, хьала гIиртира со. Суо хьалаваьлла басе лекха яцахь а, сайн таханлерчу могашалле хьаьжча, доккха хьуьнар айса гайтича санна, хиетара суна, оцу дийнахь айса дуьххьарлера бIе гIулч яьккхича. Дукха чIогIа гIелваларна, охьавогIуш галваьлла чухецавелира со. Цхьа меже кагъярна а, сайн дегIаца йолу и катетер йохорна а кхеравеллера со. Дика кIелхьара велира. И дуьххьарлера гIулчаш еш, со чукерчаш дIаделира и де. Сайн шовда долчу а кхаьчча, боккха там хилира суна. Ткъа сайн даге ладоьгIуш Iийра, шена хилла ницкъ ловр буй-те цо, бохуш, буса лаза а лозуш. Цхьадика жимчохь санна мерза набкхетта, сахиллалц оцу лаьмнашна тIехула  тIомаваьлла со лиелаш, гIенаш гуш Iийра со.
ХIетахь дуьйна хIора дийнахь бохург санна лаьмнийн басешкахула лиела со. ХIинца атта лиела, лакха хьалаволий берда йисте хIуттий, цигара чукхоссавала лууш хуьлу со… Ма чIогIа лаьа-кх суна тIаьххьара а тIома а ваьлла, хIаваэхь паргIат нека а дина, охьакхетта вала! Сан йоI, сан Шовда яцахьара, ас и дина дукха хан хир яра. Ткъа хIинца кхин бахьанаш гучудевлла. Суна биекхам бан лаьа и бан диезаш а ву со. Цул тIаьхьа сайн гIенашкахь, сайн ирсечу гIенашкахь санна тIома а ваьлла, сайн хьомечу лаьмнашна тIехула абаде дIагIур ву со!

Оццу дийнахь, суьйре
Кхул хьалхарчу йозанаша меттахваьккхина юха лаьмнашка хьала ваха сатуьйсуш, лоьраша дихкина делахь а, хьацар даллалц сайн дегIана ницкъбеш хьала-охьа тиеIаш болх би ас. Цул тIаьхьа диегIах тIуьна гата хьаькхи. Юучуьнга сатесна, цхьадика кхача болуш бу сан. Наб кхийти. Ма дика ду-кх и лорйиша шен контейнерца кхузахь йоцуш. Тахана со маьрша стаг ву ала мегар ду. Дикка набъян мегар ас, делахь Москва самаяьллачух тера ду, арара гIовгIа чIогIа ю. Со ара маца волуьйтур ву-тиехьа? Кхана лорйиша хир ю, цуьнан со аравалийта бакъо яц. Радиолор ву и дан йиш йолуш, сан радиаци лахлахь. И цIа маца вогIур ву а ца хаьа. Ткъа цунна январь бутт юккъе баххалц, ерриге в Россис санна, садаIа лаахь? Ас хIара муха ловр ду? Дийнахь кIезиг набъян йиезаш хиллера ас. Тховса атта наб кхиетар яц.

Оццу буса
ЙоI яра зIеетташ. Сакъиералуш яра. Европин телевиденехь шен концерт гайтина, бохуш. Массара а къобалъеш, дика дешнаш аьлла, газеташ тIехь яз а дина. Сан и концерт ган таро яцара. Сан телефон чу масех сурт даийтина ша боху цо. Хаза ю сан Шовда, шен духарца а. Дукха  зезагаш а делла цунна. Оцу хенахь и йоьлхуш хилла хир ю, аьлла хиета суна. Ирсе а, балане а бIаьрхиш хир ду уьш. Шен нана дагаоьхуш, цо ша кхиор, хIокху башхачу кхиаме ша шен нанас кхачор дагадеъна хир ду-кх Шовдина. ХIинца оцу ненан йоI Европехь йишлоькхуш ю. Нохчийн йоI! Цунна тIараш детта, зиезагаш ло! Со а вехха бIаьргаш а тIунделла Iийра, хазахиетарна я балина делахь а. Сайн ойланаш муха йостур ю а ца хаьа. Юха, сайн телевизор массо а канал гучуйоккхуш, цхьанхьа а сан йоI ца гойту тиеша бохуш, Iийра со. ХIан-хIан, кхузахь эшарш лоькхуш, хелха буьйлуш бу… Массанхьа дастамалла а, эвхьазалла а ю гойтуш. Божарий а, зудчалла гойтуш, цунах дозаллаш деш бу. Зударий ах дерзина догIмаш схьаоьхьуш бу. Юьйцуш ерг цхьа эвхьазалла ю. Ишттачу концертех кхоьруш вара со. Ткъа сан зудчунна кхин концерташ хиларх со кхието ца хаьара. И къар ца елира.

ШолгIа январь, сахуьлуш
Сахиллалц Шовдин суьрташка хьоьжуш Iийра со. И яцахьара хIун дийр дара ас? Сахила герга даханчу хенахь,  суна набаран тар тесча, цхьа чIогIа цIогIа хезира суна. Сан лулахо – йоккха стаг ца хилча, мила хир ву кху чохь иштта мохь хьиекха? ХолчухIоьттина неIарх а, пенах а хIума етташ ю и. Лорйишас цуьнга хьожуш хила аьлла соьга. Со муха хьожур ву? Дуьхьала мохь тоха а йиш ца хилча. Ткъа иза лазаро хьовзийначух тера ду…ХIаъ.
Сайн къамкъаргаш дIахедийначул тIаьхьа, сайл декъаза адам кхи дуьненчохь хир дац-кх аьлла, хиеташ вара со. Айса сайн тоьхна вала а дагадогIура… Юха сайл а декъазниш кху чохь гича, соьгарниг бала ма бац аьлла хийтира. Дерриге дустарца къаьста. Барам хиъчахьана, ткъа мичахь бу и барам? Йоккха стаг. Юха а пенах хIума етташ, цIийза йолаелира. Цуьнан сатиедан хии суна. Цуо санна неIарх а, пенах а хIума етта вуолавелира со. Ша цхьа йоцийла хиъча санна, дIатийра йоккха стаг. ХIуммаъ дац. Цхьа ши сахьт даьлча, лорйиша схьайогIур ю.
Сайн кийрачу мела чай дуттур ду ас. Кху чохь чIогIа шийла ю. Арахь  шелъеллехь, чохь йохъяр галдаьллехь а, ца хаьа. Довха хIаваъ  чудоуьйтуш йохъеш ю хIара чоьнаш. Цхьа хIума галдаьллачух тер аду. Йоккха стаг шелъелла а, мацъелла а хила мега.



Оццу дийнахь Iуьйре
Наб озийна хилла суна. Шелоно самавьккхи. Цхьайтта сахьт даьлла. Лорйиша схьакхачанза ю. Даздеш хир ю и. Со яздеш волуш дика ду. Сатедо йозано. Сайн дахарх лаьцний бен яздан хIума-м дац. Дукхахдерг сингаттаме ду. Дерриге а иштта хир ду ма мотталаш. Чаккхе ирсе хир ю! Со тешна ву. И хиларе кьуьйсуш а ву. Оцу ойланца вехаш а ву.
Ас дуьйцу 1994 шо а, цуьнан чаккхе а ю. И ирча зама дагаяийта ца лаьа… Дан хIума-м дац. Ставрополехь хилла дахар… Даима дIасаэха Iемина йолчу сан зудчо, квартира музыкин школана юххехь лаьцна. ГIала а тийна ю. Делахь а…тхо диезаш а, оьшуш а бац-кха кхузарнаш. Делахь а Соьлжа-ГIалахьчул гIолехь ду кхузахь. Кхерам боцуш а ду. Воккхахволчу кIентан гепатит гучуяьлла, цул сов сахьийзаш а ву и. Лоьраша Москва а вигина цунна дарба дайта диеза боху. Ткъа Москвахь дарбалиелор дахлур ду, цунна юххехь доьзал хила биеза боху. ТIаккха сайн доьзал Москва дIабига сацам бо ас. Москвахь дуккхаъ пайдехь а, дика хIуманаш ду. КIантана лиелочу дарбанна а реза ю зуда. Тхан Москвара квартира а, йоIе дешийтархьама, музыкин школана юххехь лаьцна цуо. Москвахь ваха а, Iен а атта дац. Массо хIума а деза ду. Ас сайн машен а йоьхкина, сайн болх бан меттиг лохуш ву. Москвахь бурутохархо оьшуш болх хир буй тIаккха?
Делахь корматалла а, балха тIехь зеделларг оьшуш меттиг а хиллера. «Сургутнефть» цхьаьнакхиетаралла генарчу Якутехь керла  маьхкадаьтта долу меттиг схьайоьллуш ю. Беркеманахь Якутскера 400 чакхарма Къилбаседехьа дIаваха виеза. Хьуьнан юккъехь вагончик чохь, я четар тоьхна эхашарахь Iан виеза цигахь. Цул тIаьхьа 40 дийнахь мукъа хир ву, боху. Доьзал цига буьгур бу бохург, дийца а ца оьшу. Цигахь «декъа закон» ду бохуш, къаьркъа мала йиш йоцуш, дукхахберш юхабуьйлу цу балхара. Ткъа соьга кхойкхуш дерг алапа ду. Цига ваха кечвелла Iачу хенахь Соьлжа-ГIалара белхан накъост ву зIеетташ:
- Хьан урхалла хIаллакъеш, лечкъош ю.
- Куьйгалхо мила ву цигахь? – хоьтту ас.
- Цхьа а вац-кх… Цхьанне болх бан ца лаьа. Массо а кхеравелла уьдуш ву. Хьо а кхеравелла хьуьна юккъе ваха кечвелла.
- Низам дац шуьгахь.
- «Шуьгахь» ма ала, «вайгахь». Тхо кхузахь дехаш ду… Кхин Даймохк бац тхан, я хир а бац. Нагахь санна хьо саннарш а кхузахь Iан ца баьхьаш, баьпкан юьхк лоьхуш, Сибреха уьдуш хилча, кхин хIун дуьйцур ду, сан ваша?
ЗIе цIаьххьана хедира. Цу буса наб ца кхиеташ вехха Iиллира со. Ткъа  мацца а набкхетча, цхьа биезамехь хаза гIан гира суна. Со лаьмнашкахь вара. Сайн шовда а мелла, тIома а ваьлла, цхьа башха сурт гуш, Кавказана тIехула хьийзира со.
Iуьйранна самаваьлча ойла йира. Сибрехахь ахча а ду, доьзал кхаба а биеза хIокху массо а хIума механа деза долчу Москвахь. Декхарийла а вахна Iаш ма ву со. ЦIа ваха лаьа суна, кхин цкъа а сайн лаьмнаш гархьама а. зуда тийжаш ю, Нохчийчохь кхиераме ду боху. Цигара схьахезаш ирча кхаьънаш ду. Амма сайн кхин некъ ца го суна.
Ма хала кхечира со Соьлжа-ГIала! Республикина го бина эскарш ду, блок-посташ ю. Арабуьйлуш мухIажар бу, ткъа со Нохчичу воьдуш ву. Соьлжа-ГIала дийнахь еса ю. Гондахьа  нехаш, къелла. Адамаш кхераделла, тIом бала мега бохуш дуьйцу массара а. Президент а ву, ша тIемало хиларе терра, хинболчу тIамах лаьцна, цуьнан башхаллаш халкъана йовзуьйтуш къамелаш деш.
ГIалахь ца соьцуш, ламчу хьалаваха сихвелира со. ГIалин йисттехь долчу, ас эцначу цIа чуьра массо хIума лачкъийна дIаяьхьна, корийн бIаьргаш а дохийна. Къуй лиехар эрна ду. ЦIенош тодийр ду, бохург а аьттехьа дац, сан киснарчу нахарташка хьаьжча-м муххале а. ГIалин юккъехь йолчу сайн хIусамашкахь цхьа буьйса а яьккхина, ламчу хьалавахара со.
Ялсамане кхаьчча санна хиеташ, айса цигахь даьккхина кхо де-буьйса цкъа а дицлур дац суна. Ас дика садаьIира. Дагна а, сина а там хилла Iийра со. Цигахь виса лаьара суна, даимана ваха а, виса а. Амма, маржа-яI! Дахар къовламе ду-кх. Москвахь дан диезаш ду кIантана дарба. Доьзал а цигахь кхаба биезаш бу. Ткъа со Соьлжа-ГIалахь болх бан ваха диезаш ву. Болх хилла Iахьара иза. Болх-м а сакъералуш бийр бара, кхидерг дан хууш а вац.
I994 шеран Соьлжа-ГIалахь долу сурт гайта хала ду. ТIом буолабелла. Юьхьанца нохчий шаьш вовшашца тIом бан буьйлабелира. Ткъа керлачу шеран буса Россин эскаран еза техника а, кеманаш а, яккхий тоьпан а шайн берриге Iожаллин ницкъ а Соьлжа-гIалина тI****та йолаелира.
Сайгара яьлларг майралла ю ала ца воллу со, сонталла хир яра и. Жима оцу керлачу шеран буса сайн урхаллехь буьйса токхуш болх беш вара со. Тхан урхаллин гIишлош гIалин йисттехь цхьа айаеллачу меттехь ю. Оцу буьйса цоьстуш гIаличу етталучу цIераша Iадийна, цецваьккхинера со.
Со кхеравеллера, кху тIамах а, хуьлуш долчух ца кхиетар бахьана долуш. ХIунда? Уггаре а коьртаниг – кхузахь со хIун деш ву? Луш алапа а дац, ткъа со Iовдал санна хIара меттиг ларъеш ву. Доьзалан а, берийн а ойла йора ас. Айса дан диезарг ца хаьара. Раци хьалалатийча цхьаьнакхиетараллерчу диспетчеран аз хезаш дац. Цигара кхин омра хир доцийла а хиъна, дерриге а жоьпалла сайна тIе лоцу ас. Иштта воккха Iовдал вара-кх со. Сайга мел садетталур дара ца хаьа. Со волчохь тийна долу дела, кестта хIара тохарш совцура хир ду-кх, бохуш ойла а яра. Амма ерриге а бохург санна гIала йогуш яра. ТIаккха сайн доьзало сагатдеш, дог лозуш хилар дагадеара. Кхузара кIелхьаравала хьажа виеза-кх. Мича агIор ваха виеза ца хаьара суна. Соьгахь белхан «Нива» машен яра, муьххачу новкъахула дIаяха таро а йолуш. ТIехула хьийзаш беркеманаш а, кеманаш а долуш мича гIур ву? Шен хеннахь хIокху кIуьра юккъера ара ца валарна дохковаьлла а, кхеравелла а вара со. Ца евзачу хьуьна юккъехь тилавелча санна вара со.  Муьлхачу агIора ваха диеза ца хууш. ГIийла а, декъаза а ойланаш хьийзара коьртехь. Со бер долчу хенахь берийн цIийне нисвелча хилла ойланаш яра уьш. ХIетахь со оцу балех кIелхьара ваьккхина, сан дахар тодинарг ваша Гехо вара. Тахана и воцуш ву. Амма цуьнан кIант ма ву. Иза сан ваша санна ву. Оцу ойлано сатедира. Урхаллера массо гIирсаш тоьках дIа а къастийна, неIарш дIа а къевлина, мухIар а таIийна, чоьхьаволучохь яздира ас: «Чоьхьа ма довла! Массо а тIаме вахна! Кестта юхабогIур бу».
Ваша Гехо ваьхначу воьдучу суна, сайх хIумма а хьакхалур дац аьлла хиетара. Гондахьа ирча сурт дара, гIалин йистошкахь йохийна танкаш а, БТР-аш, ягийна машенаш а, декъий а ду. И дерриге а ган ца лууш, сиха воьдура со, дIакхача сихвелла. ГIалин юккъехь кхин а ирча сурт дара. Цхьа урам а, цIа а девзара. Гена доцуш кхийсарш йолаелира. Эккхарш дара. Кхиерам тесира дагчу. Айса хIун лиеладо ца хууш, машен юхаерзо дагахь тормозан меттана газ тIетаIийра ас. Сан машен  некъайистерчу тIулг тIе а кхетта, цхьана орчу иккхира. Сан «Нива» чIогIа ю, делахь а оцу орчуьра хьалайоллушехь, хьаьхкина йогIучу БТР-о тIехьара чкъург йолчу тIетоьхна, юьстахкхоьссина диттах дIатуьйхира со. Юххехула йоккхачу гIовгIанца, кIуьраца тIехлелхаш бIаьхаллин техника ю… Юха цIаьххьана – тийналла хIоьттира. Дог кийрара арадала гIерташ санна деттало. Цхьа каде машен чуьра охьа а иккхина, лекхачу керта тIехула кхоссавелла нехан уьйтIа кхечи со. Божала неI йиллина яра. Со чу чу ваха. Бодашкахь дечиг-маьнга а гина, цу тIе вуьйжи со. Белш а, дегI а лозуш ду. Хала ду садиеIа а. ХIокху нехан боьхачу а, тIуьначу а божал чохь охьа а вижна, гуш дерг ирча гIан долуш санна, набкхетийта лаьара.
И яккхийчу тоьпийн а, кеманийн а гIовгIа лулахойн телевизорчухула гойтуш кино йолуш санна, хуьлийла лаьара. Амма гуш дерг бакъдерг дара. Соьга сатуьйсуш сан доьзал а бара, гена воцуш сан ваша, ваша Гехон кIант а вара. Цигахь диканиг хир ду. Цу чу эккхаш санна, сих а ца луш, меллаша оцу сайн хьуламера аракъедира со. Кху кертахь адам доцу дикка хан яьллачух тера ду. Ков хьостамаш а детташ къевлина ду. Оцу лекхачу керта тIехула со сиехьа муха ваьлла ца хаьа суна. Диехьа вала-м  чIогIа хала дара суна.
Сан керла «Нива»  гондахьарчу  дуьненах таръелла эрчаяьллера. Цу чохь хилла волу со, дийна муха висна а ца хаьара. Амма со Iожаллех лаьцна ойла ечохь вацара. Сайн ваша Гехо ваьхначу цIийне дIакхача виезара. Уьш дIабахнехь? ДIабахана хила а тарло. Уьш  цхьана тийначу, маьршачу меттехь белахь суна а синтеме дара. Амма со берахь дуьйна хьалакхиъначу хьомечу оцу цIийне кхача виеза, цигахь ду сан кIелхьарвалар. Сайн дегIехь майралла а, доьналла мичара делира ца хаьа. ТIамах хьакхаваларна делахь а, белш чIогIа лозуш хиларна делахь а, я кхидерг ас аьттехьа а ца дуьтура, ваша Гехон кертахь хьалхалера синтем а, сан дуьне хиларе сатуьйсура ас. Амма башхачу метте дIакхача ма виеза. Гуш евзаш йолу цхьа а билгало яц – урам а бевзар боцуш хийцабелла, цIенош а дохийна. Юха а цхьа ца евзачу хьуьнхахь суо тилвелча санна, холчухIутту со.
Дерриг ца девзаш, керла ду суна. Бомбанаш етташ, БТР-шца хьоьшуш, адамаш дойъуш, гIаланаш йохош, лартIехь долу адамаш муха хир ду? Ирча гIан ду техьа хIара? Нехан гIала нисвелча санна ву со. Юха цIаьххьана  евза суна паччахьан  заманахьлера йолу, хи IаIош хилла лекха бIов. Вокзална гена йоццуш лаьтташ яра. Цунна гена доцуш дара ваша Гехон цIенош. Сихачу боларца оцу цIеношна тIекхаьчча, кевнна хьалха сецира со… Ваша Гехон кIант, сан ваша, вешел а гергара хиеташ волу, ведда дIавахан техьа? Иза а, цуьнан доьзал а кху ирчачу хьолах бевдда кIелхьарбевллехь дика ду. Амма соьга хIунда ца хаийти шаьш дIадоьлхуш? Со-м балхахь ма аварий. ЗIе а яц. Со волчу ван а кхиераме дара. Делахь а… Ков схьаделла хьаьжира со. ЧIогIа къевлина дара. Суна даима диллина лаьттина, хьоме долу, кхин ца хилла а доцу, ков къевлина дара. Суна халахийтира, цецваьллера со. ЧIогIа ков диттира ас, цкъа шозза мийра а тухуш. Ас йоккха гIовгIа эккхийтинчух тера дара. Лулахойн кевнера гучубелира къеначу  стеган корта.
- ХIаа, хьо ву и? ХIун деш ву кхузахь?
- Хьо хIун деш ву? – хоьтту ас.
_ Со кхузахь Iаш ву-кх. Вада меттиг а бац.
- Ткъа хIорш мичахь бу?
- Шайн сал-пал цара дIаяьхьна дикка хан яра. Цхьа ши кIира хьалха шаьш а дIабахара.
- Ши кIира хьалха?
- Хьуна ца хаара? ХIинццалц мичахь вара хьо?
- Балхахь.
- ХIун болх буьйцу ахь тIеман хенахь? ГIали юккъе ма гIерталахь. Цигахь хуьлушдерг ца го хьуна?
- Сайн квартире а вахана документаш схьаэца деза ас.
- ХIун документаш? Со волчохь собар де.
Со юккъе ваханза ца Iайла хиъча, хьайна хуур ду хьуна, аьлла къайлавелира и, шен кевнан гIуй дIа а буллуш.
- Воккхастаг Гехо водур вацара. Ткъа кIант, кара хIума ян йолаелча, хийцавелла, - хезира кевнал дехьара.
«Хийцавелла дера», - аьлла хийтира суна а. Ваша  Гехон кIант хийцавелла ца Iаш, дерриг дуьне а хийцаделла. ЦIаьххьана  хийцадели-кх. Ткъа со, сайна берахь дуьйна хьоме хиеташ долчу, хIинца къевлина долчу кевнна хьалха а хIоьттина, тентакваьлча санна лаьтташ вара. Ваша Гехос сайн хьехначу нигатца – доьшуш, къахьоьгуш вехаш вара со. ТIом баьлча а, болх бан биеза моьттуш а вара со, къинхьегамхо хиларе терра. Ас болх ца бахь, сан доьзал хьан кхобур бу? Сан балхо аьтто а бина, шен гIуллакх лиелош ма вара ваша Гехон кIант. ХIинца иза хьолада ву. Юьхьанца ас луш долу мехкдаьтта духкуш вара и. Ткъа со цунна декхарийла вахна…
… Ваша Гехон кевнна хьалха лаьтташ, оцу ахчанан ойлаеш хилла со? Сан дагахьдерг кхин дара. Сан уггаре а гергара хиеташ волчу цуо, хIара тIом буолабелча, соьга хIунда ца хаийтира ша дIавоьдуш? Шен доьзал кIелхьара боккхуш-м хилла-кхий иза. Соьга хIунда ца аьлла? Цуьнан метта хилча, ас хIун дийр дара? Ца хаьа. Амма ваша Гехос и дийр доцийла хаьа суна.
Ма зама яра и! Ма адамаш дара! Бертахь болуш, вовшийн гIолоцуш бара нохчий. Ткъа хIинца? Коьртаниг – ахча. Ахчанах доьзна ду хьан доьзалера хьал. Ткъа доьзал суна а, массарна а коьртаниг бу. Хьалха а бацара и коьртаниг? Ца хиллачух тер аду.  ХIунда аьлча, нохчий даима а хилла шайн гIуллакх тIаьхьатеттина, нехан гIуллакхе хьовсуш. Ала дашна боху ас и. ТIаккха  сан бакъо яц-кх ваша Гехон кIант бехкиеван. Цуьнан дуьхьа болх беш ма вацара со. Цуо ша ца ларбича, цуьнан доьзал хьан ларбийр бу? Ткъа со алапан дуьхьа къахьоьгуш вара, ахча даккхархьама. И ахча сайгахь хиллехьара, со кхузахь а воцуш, сайн доьзалца Москвахь хир вара. Суна тахана иштта хиетало. Ткъа хIетахь, гондахьа кхехкаш тIом а болуш, кхин ойланаш яра сан. Ваша Гехон кIантана чIогIа оьгIазваханера со. Зудчо аьлларг дийриг… Тхойшиннан юкъаметтиг мелла а херлуш яра. Тхойшинна юккъехь цIийца гергарло доций хиира суна. Делахь а, нанас дена бинчу вежаршна юккъехь ма нисло хиеронаш. Тахана цуьнан ойла  йеш хиларх хIетахь кхин сурт дара. КIелхьара вала массо а! Суна сайн хIусамех, со кIелхьаравалалур волуш йолу гIап таръеллера. И ишта дацахь а. кхин башха мехалла йолуш хIума а яцара цу чохь: сан кIезиго библиотека а, доьзалан суьрташ а, суна деза хиеташ долу цхьа документ а – сан «Къинхьегаман книжка».
Ас хIинцций бен  цуьнан ойла а ца йира. Даима а балха тIехь хила йиезаш йолу и книжка, чу а кхайкхина, цIа хьо хIорш аьлла схьа ма елира тхуна. ТIом хир буйла хууш хилла-кх царна. Массарна а, суна а хаьара, делахь а ца тиешар-кха. Цунах лаьцна дийца а, яздан а ца лаьа. Ткъа хIетахь суо оцу сайн хIусамашка дIакхачахь, кIелхьаравер ву моьттура. Цига-м генна некъ бан безара. Iаржъеллачул тIаьхьий бен цига ваха ваьхьийла дацара. Со сайн хьоме лаьттинчу цIеношна хьалхахь вара. Амма и ков диллина хилча, чугIур волуш вацара. Со юьхьанца чуиккина къайлаваьлла долу божал дагадеара суна. Иза сайн долуш санна, цигахьа дIаволавелира со. Белш лозуш йолу  дела делахь а, ваша Гехон болу дагалецамаш а ширлуш белахь а, кхиерам артбелла, кху дуьненах дог диллича санна вара со. Амма дийна хиларна мацвеллера, шел а веллера. Оцу божал чохь кхиераме дац моьттуш хиллехь а, яккхийчу тоьпийн тата доладелира. Со чохь волу божал лестина ца Iаш, со тIехь Iуьллу дечиган маьнга а лестош бара. ЧIогIа тата делира, со маьнги тIера чу а кхуссуш. Дерриге дуьне дегош ду моьттура суна. Хьалахьаьжча, сан божалан тхевнах цаца бинера. Арахь малх хьаьжча санна сирла яра. Газ дIасайоьду биргIа а иккхина, цIе летта йогуш яра.  Газ дIаяккханза елахь, цхьаберш болх беш хир бу-кх. Я бевдда хир бу, газ а йицйина. Со а ведда цIа кхача виеза. Мича цIа? Мичахь ду цIа? Сан квартира гIалин юккъехь ма ю. Цигара массо а тоххарехь ведда. Ткъа со цу юккъе чугIерташ ву. ХIунда?  Ца хаьа суна.  Со цу чохь язвина а ву, и сан хIусам а ю, суо цигахь хила виеза, хила бакъо а ю сан, моьттур-кха суна. Цигахь со кIелхьаравер ву аьлла а хиетара.  Иштта ву-кха со даима. Дуьхьал вийлар а дацара и, суна нийса а цIена хиеташ некъ бара ас дIакхоьхьург. ХIун нийсо, хIун бакъо хир ю тIеман заманчохь? Мичахь бу и хьанал, нийса некъ?
Оцу Iаьржачу Iаьнан буса, иза кхин чIогIа бодане хуьлура эккхаро  серлаяьккхинчул тIаьхьа, сайн цIа долчу дIакхача гIерташ со воьдучу хенахь, суна генна доцуш чIогIа эккхар хилира. Кхоьссина цхьана пенах дIатуьйхира со. Веълара а вахана текхира со цхьана бехачу пена юххехула. Чоьхьадовла динчу тIегIашна тIекхаьчча цхьа цIа чу иккхира со.
Эццахь со валарна кхеравеллера. И берриг а тIом суна дуьхьал, со хIаллаквархьама беш бу моьттура суна. Iожалла а хаалора суна гонах. Амма цкьа а цалиъначу кепара ваха лууш вара со, кIелхьар вала лаьара. Серло ца оьшуш, со цхьанна а ца гойту, бода хуьлийла а лаьара. Подвала чу  буссучу ламин тIегIанаш а карийна, жоьжагIати чу воьдуш санна цу чу воьссира, шийлачу, тIуьначу, боьхачу пенах ка а детташ… Бухара хьала хезара адамийн аьзнаш – царна юккъехь зударийн, къаьсттина къанбеллачу нехан узарш… ТIеман лазаман узарш.

Оццу дийнахь, сарахь
Дуккха дуьне диъна ву со. Дерриге а дахар чекхдаьлла, ала мегар ду.  Йисна хан токхуш ву-кх. Цхьа гIараваьлла сийлахь воккха стаг санна дагалиецамаш язбеш а ву. Сайна цхьа дуьненан а, дахаран а къайле гучуяьлча санна, шуна и йовзийта лууш. Доцца а, дика кхиеташ а и яздар ца нисло сан. Бакъдерг аьлча, хIокху йозанаш тIехь хан йойъу ала-м ца гIерта со, делахь сан радиолоьро ма-аллара, кху йозанаша сатедо сан. Цундела яздо-кх. Кху дахарехь ларамаза хуьлуш хIуммаъ дац. Массо а хиламан а, хIуманан шен бахьана ду. Кхолламах кIелхьарвала йиш яц.  Дахар – иза бала а, хала киртиг а ю. Сан луларчу камери чохь йолу йоккха стаг, шийла мохь хьоькхуш, орца доьхуш ю. Шегарчу лазарна кхин туоха са доцуш, чIогIа холчухIоьттинчух тера и декъаза миска. Лорйишас  ша дIайоьду, соьга оцу йоккхачу стаге хьожушхила, аьлла.  Муха хьажа виеза?  Йоккхачу стеган маьхьаро а, цо дечу узарша сабIарздина сан.  И лазаме ду суна, хIунда аьлча, оцу узарша, хIинца со язбан гIертачу сан дагалецамашца цхьаьнадогIуш ду. Адамашна тIехь латтийна къизалла а, ницкъбар а дагаоьхуьйту суна оцу узарша.  ТIамах хIун диканиг дер дара?! Лайна хало, бала, лазар а йийцалур яц соьга. И дийца а, гайта а хала ду, я лаа а ца лаьа. Амма дан диеза иза.  ХIунда, хьанна? Ца хаьа суна. 
ХIетахьлера и Iадаме къемат доцца гайта хьожур ву со, оцу луларчу камери чохь йолчу йоккха стеган маьхьаро и сурт карладохуш, хIинца суо оцу подвал чохь воллуш санна, цу чуьра хIинца а араваланза волуш санна хоьтуьйту суна.
Оцу буса сайн хIусамашка дIа ца кхочуьйтуш тIамо подвал чу кхоьссира со. Берриге бохург санна къанбелла оьрсийн, дукхахберш зударий а болуш, бара цу чохь. Дерриг а дуьйцур ду ас.  И буьйса чекхъяьлча, дуккха а нах арабевлира цу чуьра.  КIелхьарбовла гIиртина хир бу-кх уьш.  ТIамах бевдда ца Iаш, оцу подвал чохь рак цамгар йолчу йоккхачу стага хьоькху мохь ца лалуш, бевдда хила а мегара уьш.  Иза, йистича санна доккха дегI долуш, къаьсттина и лозуш болу цуьнан корта чIогIа бистинера. Лиелалуш ца хиларал совнах, хиъна Iалуш а яц иза.  Цуьнца цуьнан йоI ю, иза лор хиллера. Сан хеннара ю иза, суна евзаш а ю.  Тхан  цхьаьнакхиетараллина юкъайогIучу поликлиникехь болх беш а йолуш. ЧIогIа биезамехь, догдика зуда ю и Ольга Сергеевна. Суна-м цуьнан майра а вевзара.  Тхо долчохь болх беш а волуш, нохчо вара и.  Цомгуш а хилла кхелхинера иза. Церан цхьа кIант ву. Иза а кху чохь ву.  Товш кIант ву. Массарел чIогIа цунах къахиета суна.
- Шу, Ольга Сергеевна, дIа хIунда ца дахара?
-Мича?-  Йоьлхура иза. – ХIара иэцна, - шен ненехьа йоьрзу и.
Ткъа аса кхин цхьа Iовдала хаттар до:
- Хьо лор ма ю.  Цунна дан гIо дац хьан?
- Муха?! Цхьанге далур дац цунна гIо. Молханаш, наркотикаш ца хилча. Ткъа уьш дац.
Хала садетташ ю иза. Собаре ю… ТIаьхьуо, сайна лан ца луш хало хуьлуш меттиг нисъелча, Ольга Сергеевна а, цуьнан дешнаш а дагаоьхура суна:
- Диагноз кхераме елахь а хууш ю. Муьлхха а дахар санна чекхдер ду дерриге а. Амма кIант муха кIелхьарвоккхур ву ас?! Вашас шиеца дIаваийта и кIант ма бехира соьга. Ткъа со Iовдал хилира-кх. Хьанна моьттура хIара иштта хир ду?
ХIара саннарг хир ду аьлла тиеша хала дара. Ткъа лан? ЧIогIа гIиертара иза шега далург дан. Оцу хьожа йогIучу, шийлачу подвал чохь нанна уллора дIа ца йолуш, цуьнан сатиедан гIерташ. Ткъа важа лазаран Iазапехь ю.
- ЙоI, Оленька, гIо диехьа, гIо диехьа!
- Мама, мамочка, сатохахьа… Кестта гIоле хир ю, дерриг а чекхдер ду, - ненан коьртах куьг хьоькхуш, барташ боху йоIа.
Лазар карзахдолий, узарш дан йолало йоккха стан, мохь хьоькху цо. И дерриг а сурт ган суна а оццул хала хилча, цу шинна мел хала хилла хир ду. Цундела  кхуьйсуш йолчу яккхийчу тоьпех а ца кхоьруш, арабуьйлура кху чуьра нах.
Ольга Сергеевна шен ненан сатедеш Iачу юкъана, араваьлла хиллера цуьнан кIант.
- Руслан! Руслан! – арахьаьдира иза. Шен амал йолуш, цхьана меттехь сацар доцуш волу и кIант, цхьанна ца хууш цу чуьра ара муха волу а ца хаьа. Цуьнан ненан-мискин цхьа бIаьрг шен цомгуш Iуьллучу нене хьоьжуш бу, ткъа важа кIант тергалвеш хуьлу. ХIетте а араэккхий дIавоьду Руслан. И къайлаваьлча холчухIутту Ольга Сергеевна. Амма, и Руслан аравуьйлуш вацахьара, тхоьгахь ледара хьал хир дара. Нах дIабахна яьсса лаьтташ йолчу хIусамаш чу а вуьйлуш, шайн хIусаме а тIехь, цо схьакхоьхьура: дама а, жарж а, туьха а, шекар  а, консерваш а. Кест-кеста дечиг а дохьура. Керла хаамаш а бохьура цо. Уьш ирча бара. Йоккхачу стагана молханаш лаха а воьдура. Наггахь цхьаццадерш дахьаш а вогIура. Ольга Сергеевнас чехорах а гIуллакх ца хуьлура.
- Руслан, доьху хьоьга, сох дIа ма къиеста. Кхоьру со хьуна цхьаъ хиларна.
- Са ма гатдехьа, мама, - хьасталой шен нана мараюллура цо. – Шек ма яла, ахь айхьа ма олура, ша дерриг чекхдолу, дахар а чекхдолу.
- ДIасаца! – карзахйолу Ольга Сергеевна, оцу боданехь хаало цуьнан  сингаттамой, баланой хьередина бIаьргаш лиепаш. Цуьнан лазам а, балахьиегар а хаалора.
- Шек ма яла, мама, - сатедора кIанта, юха боданехь къайла а волуш. ШолгIачу буса лерина кIайн юргIа а, гоь а, Iайба а бахьаш веара и. Нана  и хIумнаш шена гича йист ца хуьлуш   ма Iиннехь, хиира суна уьш церан хIусамера юйла. КIантана баркалла бохуш, наб кхетийта лууш вара со, дукха гIелвелла, амма белш лозуш бала хьоьгура. Лазар дукха чIогIа хиларна, гондахьа адамаш дацахьара, оцу йоккхачу стага санна мохь хьокхур болуш вара со.
Мочхалш а къуьйлуш, цергаш хьекхош Iара. Эццахь сох дуьххьара бIаьрг кхетча санна суна тIееара Ольга Сергеевна.
- Хьан хIун лозу? – суна тIехIоьттира иза.
- Белшший? Гучубаккхал хьайн пхьарс, - цуьнан шийла пIелгаш хьалкхаделча, кхин а чIагIделира сан лазар.
- ДаьIахк кагъелла яц. ДIакхетта лазийна хьо. Сан белша тIедиллал хьайн куьг. Соьга сайн лозуш долу куьг хьала а ца айъалора. Цо гIо дира. Цул тIаьхьа лозу меттиг тиеIош, тиеIош, юха цIаьххьана шегахьа дIаозийра сан пхьарс. Дукха чIогIа лазорна, мохь хьаькхна ца Iаш, когаш тIе лахвелла, бIаьргех хи а эккхаш малвелира со. Цо сан лозучу белшах куьг а тухуш, элира:
- ХIинца агIор а валий набъе. Лазар дIадер ду. Дерриг а дIадер ду.
Лазаран ов лагIделла, оцу гоьна тIехь наб кхийтира суна. Айса мел набйина ца хаьа суна. Наггахь самавуьйлура, геннахь лелхарш хезча, амма набъян лууш, хьала ца гIоттура, хIара тIом хилар даго тIеиэца ца туьгура, хIара подвалан шело а, оцу йоккхачу стеган узарш лан хала дара.
Ольга Сергеевнас хьоькхучу ирчачу маьхьаро хьалаэккхийтира со.
- Руслан! Руслан! – цуьнан мохь гена баьллера. Подвала чуьра ара а яьлла, генаяьллачух тера дара и. Со араиккхира. «Руслан, иччархочо…» хезира суна. Буьйса яра. Яккхийра бумбареш хьийзош санна догIура дуькъа, месала ло. Цунах бIаьрг кхийтира. Пенах дIа а летта, ерриг а иэгош, йоьлхура иза. Юххехь лаьттахь Iуьллуш цхьа адам дара, гIеххьа тIеоьхучу лайно къайла даьккхина, юххехь цIийн Iам бу. Цунна гIо оьший-техьа аьлла тIехьаьдира со. Бертал доьжна Iуьллуш доккха дегI дара. Ас схьакарчийра и. Iаьржа маж яра. Руслан вацара и.
- Кхунна гIо далур дуй? – хоьтту ас. Суна моьттура Ольга Сергеевна муьлхха а дарба далур долуш лор ю.
- Руслан! Мичахь ву сан Руслан? Руслан! – мохь беттара цо. ХIара ша ю кIелхьаръяккха йиезаш, аьлла хийтира суна. Нуьцкъашха и туьттуш подвал йолчу агIор  дIагIоьртира со. «Так-так». Юххехь шозза иччархочуьн тоьпан хIоьънаш кхийтира пенах, бIаьргаш чу хьахарийн цинцаш а тухуш. ДогIучу лайнехь а, боданехь а тхойшиъ ган хала хир дара. Делахь а чIогIа кхеравелира со, Iожаллех хьакхалуш, гIакх хиланза со ваьлча. ТIаьхьо хийлаза дагаоьхура суна и миноташ. Церан аьтто ца хуьлуш кIелхьара вели-кх бохуш. Ткъа Нохчийчохь хиллачу шина тIамехь и тайпа хиламаш ма дукха бара. Иэшамаш хиллехь а, дийна висир-кха. Амма уггаре халаниг и тIемаш чекх а бевлла, машаре дахар дIахIуттучу хенахь хилира.
Дерриг а дахар – тIом хилла-кх. Я вайн Нохчийчохь ду иштта? Цунах лаьцна-м яздан а ца лаьа.  Цкъа мацца а кхачахь а цу тIе кхача а мега со. Яздийр ду бохучу маьIнехь. Ткъа уггаре а бIостаналле* маьIна, дерриге чекхдер ду, бохург ду.

КхоалгIа январь, Iуьйре
Тахана тхан больницехь йоккха къап-къарс иккхина, массо меттахваьлла хьийзаш ву. Лорйишас самаваьккхина со, марта чохь йолу контейнер схьакхечи.  Сан мацбеллачу кийрана керла кечбина кхача чIогIа оьшуш бу. И кийра чу бахийта леррина ву со. Катетер а ю даьтта хьаькхча санна, кхача кийрачу туьттуш. Вузар бахьана долуш, мелла а дог-ойла а гIаьтти сан. ДегIера хьал а дика хиетало. Цундела цхьана керла веанчу лоьро со чиехор а башха тергал ца дира ас. Сайн дегIана ницкъ бар дихкина хиллера суна. Ткъа ас мелла а дегIан меженаш меттахйохуш ницкъ бинера сайна. Камераша и дерриг а дIаяздина схьагойтуш хиллера. Америкехь долчу хIокху клиникин коьртачу туьшехь  берш боьхна хьийзаш хиллера. Керла шо а хилча, кхузахь цхьан лор а ца хилча, камераш а болх беш хир яц моьттура суна. Со леррина тидам беш, тергалвеш хилла-кх. Сан могашаллин оццул чIогIа бала кхаьчна бу-техьа и американхой. Шайна тIеоьхуш шортта ахча долу дела, шайн дуьненахь яьржина йолу дика цIе ларъеш бу-кх.
Цига шен доьзал болчу вахана волу сан радиолор а ву зIеетташ. Со бахьана долуш  садаIар а ца хуьлу шен, боху.
- Вуьшта а хьайн хотIе хьажахь?!
ХIун хатI ду сан? ХIун бехк бу сан? ХIара сан эттIа харцахьа яьлла кехатан бедарш? Адамаш доцчу гIайра тIе нисвелла, Робинзон Крузо санна ву. ХIара сан тIелхигаш Америкехь а тIехь гуш хилла-кх.
Массо меттехь а, массо хIума а гушверг Дела вуйла хаьара суна. И лара, цуьнан сийдан, цунах кхера а диеза массо а Дала кхоьллина долу адам. Ткъа хIинца массанхьа а камераш хIиттийна, кхунах шортта мах белла Iаш волу со, бехке а веш, суна эхьхетийта гIерташ бу-кх хIорш… Ца йиеза суна хIара камераш! Дерриге а дуьне и тергалдеш ду… Ткъа суна маршо йиеза, цхьаммо а со тергал а ца веш, Делах бен кхоьруш а вац.
ХIетте а, даима кхеран тергонехь Iархьама, мах а белла кху чу воьллина со. Кхузахь йийсарехь санна хьал делахь а, со сайн лаьмнашка кхаьчча маьрша хиларе сатуьйсу ас. Цигахь а хIара камераш юй-техьа, бохуш шеконаш-м кхоллало. Камераш яцахь а спутникехула дерриг а гуш-м хир ду. Цигара Iойла дIадаьлла лара мегар ду.
… Со карзахвала герга ваханера. Катоьхна сайн некхера и катетер схьа а яьккхина оцу камерех туоха дагадеанера суна. Ас дан а тарлора, амма цIаьххьана йоIан шовданах тера цIена аз а хезна, зIеетташ яра, гIеххьа сапаргIатделира сан. Цуьнан сатиедан гIерташ дуьхьала гIам-гIим до ас. Ма инзаре дика хIума ю-кх хIара киснахь лелош йолу телефон. И яцахьара ас хIун дийр дара? Эзар чакхарма генахь йолчу йоьIан аз хеза суна, и ган а таро яра суна хIокху телефонан массо а агIо евзаш елахьара. Иза Iилма а, техникан гIирсаш а, адамийн хьашташ кхочушдарна тIехьажийна хиларо цхьа дика агIо ю-кх.
Заманан буоларца цхьаьна вогIуш хила виеза, уггаре хьалха хьайн сица а, дегIаца а бертахь а волуш, дерриге чекхдер дуйла а хууш. Iожалла хаало суна, иза юххе гIерташ а хиетало. Шина тIамо и хаамаш гучубаьхна суна. Iожаллин шен хьожа а, шен хьовра*  а хуьлуш хиллера. Шен  лаамазаллин ницкъ бу цуьнца. Цхьаьна а кхетта цуо бечу Iаткъамо кIелхьара вала йишйоцчу гура чу дуьллий, къиза хьовзадо дегI а, са а. Эццахь цхьана камеро а, технологис а, ахчано а дан гIо дац. Дуьнен Iазап-балий жимма дахдан-м тарло оцу гIирсаша. Делахь а, чаккхе цхьаъ ю-кх – Iожалла.
ТIаьххьара зIетуьйхи, со метта а валош – лорйиша ю къамел деш.
- Хьайн тIера бедарш хийца йиеза. ХIинца хьан неI схьаеллалур ю. Арахьа чохь гIента тIехь кхозуш хьан бедарш ю. Хьайн тIелхигаш сонехь лаьттачу контейнер чу кхийса.
Кхечу дуьненчу воьдуш санна луларчу лоьраш цомгушчаьрга хьовсучу кабинет чуволу со. Аьнгалин дехьа лорйиша ю. Суна  цунах эхь ца хиета. Сан хатI дукха хенахь дуьйна  буожарех тера дац. ХIара керла духар а марчо санна ду.
Аса паргIат сайн духар хийцира. Куьзгана чу хьаьжча, хийцаделла хIума а дац, хIетахьлера хатI а, со дийна а ву. Юха цIаьххьана дагатесна чоьхьарчу телефонан тIам схьаийци ас. Лорйишас ша йолчу агIора схьаийци. Вистхилалуш вацахь, куьйга эшарехь гIам-гIим деш хоьтту ас. Лорйиша кхийти ас бохуух:
- ХIаъ, йоккха стаг елла… Цунна тIаьхьа цхьа а схьа ца веъна, морге дIаяьхьи.
…Суна юха а дагабеа тIом. Дуьхьалтеси-кх. Тхан подвал. Руслан гучувелира шолгIачу  буса. Ткъа оцу и гучувалале долчу дийнахь-бусий хилларг-м! Ольга Сергеевнин бала цуьнца цхьаьна лайра ас. Оцу цхьана дийнахь итт шарна бохург санна къанъелла тишъелира иза. ХIетте а садетташ, нанна юххе а хиъна, къайлах бIаьрхш ледош Iара и. Ткъа цомгуш йолу йоккха стаг жимма дIатуьйшшехь, арахьодура Ольга Сергеевна:
- Руслан! Руслан, хьо мичахь ву? – бохуш мохь хьоькхуш.
Иччархо дIавахана хиллехь а, я цунна набозийнехь а, я кхунах а сох къинхиетам беш Iийнехь а, кхин топ ца кхоьссира цхьаммо а. Ас юха а подвал чу йоссайора Ольга Сергеевна. Кхано буса гучувелира Руслан. Иза гIелвелла а, хоттах вуьзна а вара, тIера куртка ятIийнера.
- Руслан, кIант, - тIекхийтира цунна Ольга Сергеевна. Юха и чехош, муьшкайира. Ткъа кIанта нана маракъевлира цхьа шатайнчу нене болчу биезамца, аьхналлица  и хьостуш, къинтIера ялар доьхуш. Нана цIаьххьана малъелла, гIийла узарш деш елхайолаелира. Кху боьхачу, шийлачу подвалчуьра хьал а, хIара Iазап цкъа а кхачалур дац-кх аьлла хоьтуьйтуш.
Со кхузахь кхин Iа ца лора, садукъаделла, дийна волушшехь сайна тIе латта хьоькхуш санна хиетара… Сан дегIан чкъурана хаалора иза. Сайн тIаьххьара диекхар долуш санна и арахь Iуьллу дакъа дIадолла диеза ас аьлла дагатесира суна. Буьйса яра. ЦIийзаш мох а болуш, вуно чIогIа шийла а, гIура а яра арахь. Массо а доьхна лаьттачу корашкахула сайн тIе тоьпаш хьиежош, иччархой бу аьлла тарло суна. Кхийрина ца Iаш, чIогIа кхоьруш вара со. Амма кхин оцу подвал чохь а ца Iалора со. Йоккхачу стеган узарша а, Ольга Сергеевин гIорасизчу сибато а боккха Iаткъам бора суна!...
Ткъа атта дуй хIокху цIевзинчу буса дакъа дIадолла? И дан диеза. Хьаъа дина дан диезаш гIуллакх ду и. Со воцург и дан стаг а вац. Со-м цунна тIекховда а ца ваьхьа. Цунна юххехь латта ца ваьхьа, цхьаммо тоьхна со а охьавилларна кхоьруш. ХIара тIом бу! ТIаьхьуо, къаьсттина шолгIа тIом буолабелча хIокху балхах жимма вуьйлира со. Ткъа 1995 шеран январехь, веллачу стагах дIахьакхавала а ца ваьхьара. Кхин цхьа кхиерам бохьуш, цхьаъ вогIу… Руслан!
 - Хьо юха а? – халла и ала дели соьга, суо милла иэгош а волуш.
Нанна наб кхийти, сол а сатедина ву и тийна къамел дахь а. – ХIара тхан лулахо… Дика кIант вара…
- ДIаволла виеза, - сайгара ирча хьал лачкъо гIерта со. – Руслан, ас доьху хьоьга, нана йолчу чугIуо. И сама ялахь гIовгIа оьккхур ю.
- ХIан-хIа. И набъеш ю. Тхешан лулахо дIаверзо диезаш ву со. Ас гIо дийр ду хьуна.
Цо гIодеш ца хиллехь-м, со ларор а вацара. Шайн уьйтIе дика евзара цунна. Цхьана кIажа дIатакхийра оха шимма и дакъа. Русланна цхьанхьа бел а карийра. Тхойшиъ ахка волалушшехь, шийла мохь бели:
- Руслан! Руслан! КIант!
- Делан дуьхьа дIагIо хьайн нана йолчу, - доьху ас. Суо висча, кхин а чIогIа кхоьру со. Гондахьа кешнашкахь санна тийна ду. Кхийсарш а, лелхарш а ца хеза. ГIорийначу жагIанах етталуш санна бел ю-кх екаш. Айса сайна каш доккхуш санна хиетало суна. Сайн дахарехь дуьххьара каш доккхуш ву со.
ТIом!
Сихвеллерий со? ЧIогIа сихвеллера. Сайга далург, сайна хуу аят дешна, дIаверзийра ас кIант (ТIаьхьо-м молланаша санна дакъа дIадерзон гIуллакх Iамийра ас сайна). Ткъа хIетахь кхерарна, сихалиеларна а хьацар даьлла, кхузара ведда мича гIур вара техьа, бохуш цу подвал чу вуосса ца лууш вара со. Юха а уьш дIатесна дIа муха гIур ву?
Цаьргара хьал а гуш дара суна.
… Ас тахана паргIат и дийцарх, хIетахь кхиетам кхин бара. Массо а хьерехилла, шаьш хIунда дойъу а ца хууш вовшийн дойъуш сурт гича – цунах кхиета а, хьекъалца и литта а, цу хьолехь ваха а чIогIа хала ду.
Дахарний, Iожалний юккъера цхьа луьра зил бу иза. Цу хьолехь массарна а ваха лаьа, нагахь ойлаяхь а, уггаре а шайн хьоме а, гергара а болчех хуьлу и ойланаш. ТIеман сурт гойтуш, цхьа масал дало лаьа суна, гайтаме масал.
…Оцу тIеман муьрехь белхан гIуллакхна Краснодаре хьажийнера со. ТIом болчу хенахь Нохчичуьра муьлххачу агIора ши гIулч яьккхира араваьлча, ялсаме кхаьчча санна хиеташ, цIена а, тийна а, блокпосташ а, тIеман техника а йоцуш хуьлура. Нохчичохь лаьмнашкахь а тIехь кхераме хьал дара.
Сихха сайн гIуллакхаш кхочуш а дина, сайн Москварчу накъосте Максиме зIе туьйхира ас. Сол пхи шо къона ву иза. Институтехт доьшуш волуш вевзина тхойшиъ. Цхьаьний белхаш а бира оха шимма. Юха иза Москва аспирантуре деша вахара, цигахь зуда а ялийра цуо. Краснодарера гIобанхо яра и зуда. Ша дешна ваьлча, цуьнца кхуза ваха схьавеънера иза. Меттигерчу пачхьалкхан мехкадаьттана-газан компанехь болх беш ву иза. Дика болх а, лакхара алапа а ду, дуккха мукъа хан а ю. Стенна делахь а кхиераме спорт юьхьарлаьцна, дельтапланер ву бохуш лиела и. Со а цу юкъаозо гIерташ вара, амма со цуо и кхераме дац бахахь а, ца ваьхьара цу дельтапланаца хIаваэхь лиела. Нохчичохь долу хIора де а ма ду кхи ераме.
Ткъа Максима туьйранахь санна хIаваэхула некадеш, цуьнга хьоьжуш, цунах хьоьгуш Iара со. Цуьнан цIен-кIайн бос болу дайн дельтаплан, цхьа хаза доккха аьрзу санна паргIат хьийзара лаьмнашна тIехула, юха генадолий, сан кхочушхиланза болу сатийсам санна къайладолура ломан дукъал тIехьа. Цул тIаьхьа хилларг суна ца гира, ган таро яцара. Сан бIаьрг хилча санна, оцу дукъал тIехьа сиха дуьхьал хьоькхуш мох а нисбелла галваьлла Максим, диттех хьакхаделла дельтаплан а дохош, ледара охьавоьссинера. Ша цхьадика лаза ца веш охьавоссарх воккхавеш вара и. Ма хаздой дуьйцура цуо и.
Цул тIаьхьа мукъане и соцур ву моьттура суна. ХIинца кхаъ боккхуш санна боху-кх: «Кхана вайшиъ беркеманна тIера четаршца Iаьржачу хIорда чу кхоссалур   ву.    Кхераме   хIума дац.   Вайшинна    тIехь  кIелхьарадоккху жилеташ хир ю».
Со дуьхьалволу. Цуо шениг дуьйцу:
- Хьажа мукъане хьажахь. Цул тIаьхьа цхьа сацам бийр бу ахь.
Суо виса а ца лууш, беркема долчу воьду со. Цуьнан гIовгIанах а кхоьру со. Шайга дийцича а кхиетар бац уьш, Нохчичохь хIора санна долу беркема – тIома яьлла Iожалла хиларх. Цуьнан гIовгIа хезча, иза гича, машенаш чуьра охьалелхий, некъайистешкарчу ченалахь а, лайлахь а вай охьаэгий а ца хаьа царна. Делахь а со хьалавелира. Лакхахь цара неI схьайиллича, бухара йистйоцу хIорд гича,   суо   цу чу вожарна кхоьруш, схьалаца мегачу хIуманах катоьхна вулавелира со. Ткъа Максим а, цуьнан накъостий а биела а къиежаш чукхийсабелира.
Кхано сарахь, хьуьнхахь цIе а латийна жижиг а доттуш, шаьш къаьркъа муьлуш, дозалла деш дуьйцура шаьш лелийнарг. Гуттар чIогIа Iаржъелла, цIе дIаяйинчул тIаьхьа, со юьстах ваьккхина, гIийлачу озаца боху соьга Максима:
- Соьлжа хьалахь хIинца жимма синтеме долчух тера хиета. Вигахь со хьайца цига. Сайн ненан кошехь а ца хилла со.
Цуьнан нана тIом болалучу муьрехь кхелхина. Хьал луьра хилар бахьана долуш, Максиман цига вар ца хилира. Тхан белхан коллективо йолла ма-еззара дIайоьллира иза. Ткъа хIинца Нохчичохь Iедал дIахIоьттина аьлла, шен ненан кошевала лии Максимна.
Некъан бохалла цунна Нохчичуьра хьал муха ду дуьйцу аса. Мел дийцарх а, цкъа шена ца гиначунна цунах кхиета хала ду. Дозанехь лаьтташ йоккха а, кхераме а блокпост ю. Цхьаберш рагI йоцуш чекхбуьйлу. Аьхке ю, тов ю. Шина сохьтехь бохург санна лаьтти тхо. Со санна болу меттигернаш муьлш бу хаьа царна, тхоьца къиза а хуьлу, хIума яккха гIерташ кехаташ а, машенаш а луьсту. Ткъа шайна кара ахча лахь, бомба а чекхъяккха мегар ду.
Цхьана буса хIокху постехь сацийнера со. Массо а бохург санна маларх кхетта бу хIорш. Тхан доцца къамел иштта дара:
- Командир, Iаржъелла, тхо «Роснефтера» ду, пачхьалкхан белхахой. Сихха дIадахийта ца мега ахь тхо?
- Сихха болх беш цицигаш а, пхьагалш а ю. Ткъа тхо кхузахула чекхволург дийнахь I00 сом, буса 200 сом дала диеза.
- Соьлжа-ГIала кхачале кхин 12 блокпостах чекхвала виеза. Алапа тоьур дац.
- Тхо кхузахь иштанехьа лаьтташ ду моьтту хьуна. Кху постах оха-м I00 эзар сом охьадиллина. ХIинца олуш ма-хиллара тендер яьккхина.
- Аш цхьана-шина дийнахь меттахIоттийна хир ду и ахча-м.
- Но-но-но! Хьо дукха хууш а, маттана шера а волчух тера ду.
Цу буса тхешан къамел муха чекхделира, дага ца догIу суна. Нохчичуьра  арайолуш мехкадаьтта дахьаш йолу дуккха машенаш гучу а евлла, со вицвина царна дуьхьалбевлира салтий…
Тховсалерниг кхин сурт дара. Сайца волчу Максимана сагатдора ас. Арахьара чувогIург ца виеза оцу федералашна, шаьш кхузахь «конституцин къиепе» муха дIахIоттайо гайта ца лаьа царна.
Дуьххьарлерчу блокпостехь шегарчу тIоьрмигца чувиги цара иза… Ткъех минот яьлча а арацаволуьйту. Сан сабIарзделла. Ахчанах кхузахь хIуъу а дан йиш ю. Цундела со чоьхьавели. Бехкала вахна дешархо санна, хьацар тоьхна, сонехь лаьтташ Максим а ву.
- Стенга воьду?  ХIунда воьду? Оццул дукха ахча хIунда ду? Хьуьнчохь болчарна хьош-м дац и? Сурт доккху гIирс а безачех, цул сов коньяк а…
ЦIаьххьана со гучуваьлча уьш кхин а карзахбовлу. Церан гIиллакхаш девзаш волчу аса стоьл тIе I00 доллар кхуссу.
- Кхуьна ненан син тIера чай мер ду аш. Кхузахь вина а, кхиъна а ву хIара, шен ненан коша тIе воьдуш ву.
- Суртдоккхург магийна яц.
- Коньяк а магийна дац. ШарI ду, - боху шолгIачо.
- Коньяк а кхуьнан нанна тIера дIамер ду аш. Ткъа суртдоккхург сан ю, ас  кхуьнан тIоьрмиг чу йиллина.
Цу кеппара, хала-атта иттех сов блокпостах тIех а девлла Соьлжа-ГIала кхечира тхо. Буьйса йоьллера. Сан квартира яьгна дIаяьллера. Ас эцначу жимачу цIа чохь сецира тхойшиъ. Буьйса елахь а, йовха яра чохь. Ткъа Максима массо а кор тIекъевлина, ша кхоьруш хилар лечкъа а ца до. ХIара йоьхна гIала а, кхузара талорхойн низам а гина, бос баьхьна ву сан хьаша.
Ткъа Iаржъеллачул тIаьхьа, даима санна массанхьара схьахезаш кхуьссуш тоьпаш а, лелхаш минанаш, етташ бомбанаш а ю. Вайн цIеранаш оцу гIовгIанах боьлла. Максимна и лан хала ду. Юх-юха олу цуо:
- И суртдоккхург царна йитина, коньяк схьадеъна делара ахь. И дIа а мелла, набкхоьтуьйтур яра-кх сайна… ХIара ма ирча а, луьра а хIума ду. Хьо муха Iаш ву кхузахь? ХIунда? Виен тарло, ток яц, хи дац. Iадаме сурт ду-кх. Кху чу-м лиелхар бац уьш?
Иштта сахиллалц наб ца еш Iийра. Са ма хилланехь ша кешнашка  дIавигахьара аьлла дийхира Максима. Цига дIакхаьчча, кевнехь яздина ду «Минанех ларло!»
- Цига ваха мегар дац, ца вогIу со, - бохуш шабарш до цо.
- И-м кешнаш бех ца дайта яздина ду.
- Ца вогIу со. Хаам ма бу и. Кхиерамца къовса ца лаьа суна.
Цуьнга дукха диехарш а дина, тIаьххьара собар кхачийра сан.
- Стенах кхоьру хьо? Ломан буьххьера чукхоссавалар а, беркеманна тIера а – кхерамца къовсавалар дац ткъа? Ткъа нана бохург деза ду. Вало суна пхи метр хиллал тIаьхьа а хIоттий, сан лорах ког боккхуш.
Кешнашкахь дуькъа къух даьлла. Адамийн хьовх, жIаьлийн лар а яц. ЖIаьлеш а кIезиг дисна кху гIалахь. Халла схьакарийра и каш. ГIийла сурт дара доладанза дIатесна долу и каш. Максим гуора а хIоьттина, оцу кхухдаьллачу барзана тIе куьйгаш а хьоькхуш вилхира.
Соьлжа-ГIалахь дан лерина шен цхьацца гIуллакхаш доллушехь, кешнашкара юха ма дирзинехь, цо дийхира:
- Кхузара сиха дIавигахь со. Доьху хьоьга. ХIан, хIара ахча а ду хьуна. Дийнна ахчанан туп гучуяьккхира. – ХIара ца кхоош, сиха дIавига со кхузара.
- Сатеде хьайн. Ахча а къайладаккха, - велавелира со. – Тхо кху хьолах доьлла. ХIуммаъ хир дац. Шадерриг а дика хир ду.
Юхадоьлхуш тхо атта дIадахара. Посташкахь дукха адам а дацара. Нохчичуьра арадовллучохь, адамаш а, машенаш а гулъеллера. Ткъа аса эхь а ца хиеташ, дуьхьала богIучу новкъахула хаьхкина постана юххе тIетаIийра сайн машен. Чуьра охьа а ца вуссуш, коран бIаьрг охьа а бахийтина доккхачу ахчанан кехат дIа а кховдош элира аса:
- Салам, командир! Ша  дерриг а дика ду. ХIара Москвара хьаша ву. Аэропорте тIаьхьадуьсуш ду тхо.
- ДIаяхийта, дIаяхийта, кема хьоьжур дац… Москвага маршалла луо, - Максиме куьг ластийра салтичо.
Минводе кхаччалц дIавигира ас Максим. ЦIерпошт дIайолаеллачул тIаьхьа корах ара а хьоьжуш мохь беттара цо:
- Иштта ваха мегар дац. Ма Iе цигахь…
Цул тIаьхьа суна Максим ца гуш дикка хан елира. Наггахь зIетухура охашимма вовшашка. Цуо со ша волчу кхойкхура. Цхьа ши шо даьлча и волчу хьошалгIа кхечира со. Максим вевзар а вацара – къанвелла, шорвелла, тIома вийлар а дицдина. Ткъа зудчо боху:
 - ХIетахь Соьлжа-ГIала вахана цIавеъчахьана хийцавелла, чохь сецна. Дика а ду. Со кхоьрура кхо лелочух.
Максим велало:
- Кхин кхиерамца къийсалур вац. Кхоьру со. ХIетахь дукха чIогIа кхиеравелла, дахаран мах хIун бу хиъна суна. ХIинца сатедина, сакъиера дагахь ву со… Хьо муха мега цигахь? Хьайна атта а, гIолехь а долчохь ваха виеза.
- Хьан дельтаплан мичахь ду? – хоьтту ас.
- Тхевнан чардакхехь… Наггахь гIенах тIомаволу со… ТIаккха охьадоккху… ТIомавала а там бара, дегI дазделла-кх. Доцца аьлча, лаьа, амма кхоьру… Нохчийчохь сан аьрха ойланаш кхачаелира. Шу муха Iаш ду цигахь? Адамашна тIехь латтош дерг ирча хIума ду. Дикане сатийса меттиг бац цигахь.
И бакъ луьйш хила а мега. Амма со цигахь вехаш а ву, диканиг ца гахь а.
…Максим хIунда дагавеара суна? ХIаъ, масал санна. ДоттагIчо аьлларг ца дира ас. Делахь а, кIелхьаравала йиш яц. Кхоллам! Суна кхин хIун кечдина тиехьа цуо? Со хIун дан киечам беш ву? Биекхам бан! Ас доькхур ду!
Амин!

4 январь, буьйса
Максим хIунда дагавеара суна?  Сан дахаран коьрта Iалашо дагаяийтина, кийра а богуш бу. Сайн цIий кхехкаш санна хиета, дерриге а дегI дагош. Сайгарчу катетеран шело хаалора суна. Цуо жимма сецавора. Сан ойланийн алуно, синхаамаша, оьгIазлоно и шело иэшош цхьа акхачу къизаллица биекхам бан лууш, массарна а топ етташ, массо а виен лаьара суна… Бакъдерг дийцича, и дерриг а дагадогIуш вац со.
Амма и сан радиолор Америкера схьа зIеетташ ву. Цуо дийцарехь, ас пенах йиттина меженаш лазарехь, кIезиг хIуманаш дагадарехь а, кхиетамехь а диегIа тIехь лараш йисна хиларна, меттахIоттийра ас и сурт. Цул сов гIан а гира суна. ГIенах бер санна «тIамах» ловзуш вара со. Юха оцу коран уьн тIе хьала а ваьлла корал арахьарчу урамерчу нахана «топ йиттина» и сайгара «герз» охьа а кхоьссина, куьйгаш дIаса а даржийна тIома ваьлча санна чукхоссало со. Маьнга дIанехьо хилла дика ду. Юха шолгIа а кхоссавелча, маьнгин гIовлех корта а кхетта, кхиетамчуьра ваьлла Iиллина со.
Чоьхьара телефон йиекаш самаваьлла. Лорйиша ю со чиехош. Суна хIун хилла ца хаьа. Корта хьийзаш бу, цхьамма гIаж йиттича санна, Iаржъелла сан меженаш а, дегI а, катетер а кийра чутаьIча санна хиета, дегI лозу.
ДегIан лазарх воьлла со. И хIуммаъ доцург ду.  Сан са айаделла.  Суна тIома вала лаьа. ХIинца со хаза а хиеташ дельтапланаца тIома вер вара, я четарца чуэккхар вара… Я четар доцуш чуэккха мегара, хIаваэхула лиеларан ирс довзархьама.
Оцу дерригенан а ши биллам бу: цкъа делахь, сайн хьомечу лаьмнашна тIехула хьийза лаьа суна хIаваэхула; шолгIа делахь, и чолхе ду, кхин а хьалхехь хила диезаш а ду… ас и кхочушдийр ду – доькхур ду.
И дош яздеш а, тIомавала сатуьйсу и тIемаш хадийча санна холчухIуьтту со. Сан цамгар кхин чIагIъяла мега, делахь цунна дуьхьало еш бу сан тIомавала болу чIогIа лаам. Сан таханлерачу хьолана гIоле еш а, тIаьхьадисинчу дахаран маьIна гойтуш а бу и лаам. Нохчичоьнан лаьмнашна тIехула тIомавала! Хьо хьайн махкахь маьрша хиллийла, вуйла а, даима хир вуйла а хаьа! Делахь а и генахь ду, со цкъачунна дарбалиеладо бохуш, чувоьллина ву. Лоьраша билгалдоккхуш ма-хиллара, оцу сайн цамгарна дуьхьалдаккха сайн дарба а карийна суна.  Иза –хIара йозанаш ду. Кху балхо сан сатедо, суна гIоли а йо. Кехат кхачийна сан. ХIинца кху чохь сайна карайогIучу муьлххачу кехатан цуьргах пайдаоьцу аса.
Уггаре доьхнарг ду яздан ручка ца хилар. Сайн тIаьххьарлера ручкех суо карзахваьлча, «тапча» йинера ас. Юха сайн рогIера «тIом» чекхбаьлча, и «герз» кагдина ас. Дан хIума дац.  Йоза яздаро суна мелла а гIоли йо. Цундела сайна кехат а ручка а яийтахьара сарахь юург схьахьажочу хенахь, аьлла хаам бахьийти ас лорйише. Цо-м со човхийра. Со бахьана долуш, хIокху клиникехь боккха сингаттам хиллачух тера ду, мегарг керла шо даздар а ца нисделла цхьаболчеран. И бакъхила а тарло. Мухха делахь а, сайн и карзахалла чекхъяьллачул тIаьхьа, айса цхьа ирча хIума дича санна, стаг вийча санна, сабIарзлой холчухIутту со.
Иштта миноташкахь, и бохург хIун ду, кху тIаьхьарчу шерашкахь со Iалашвешъерг сан йоI ю. Цуо даима зIетуху, соьгара хьал хууш ю, лорйишас а, радиолоьро дуьйцу цуьнга ша дерриг а.
«Кехат а, ручка а яц. Яздечу хенахь дерриге дицлой, атта хуьлу суна», - яздо ас йоIе. ЙоIа сихха гIайгI бинчух тер аду. Ши сахьт далале сан камери чу кхочу  дийнна кехатан туп а, 20 ручка а.
ХIинца-м яздийр дара ас! ХIара деша стаг хир ву техьа? ХIуммаъ дац. Яздечу хенахь юха а сайн дахар луьтту ас. Ма-дарра, ма-хиллара яздийр ду. Цхьана хIуманна дохковаьлла вац со… шен рогIехь… Делахь хIета, со оцу подвал чу восса виеза.

Оццу буса
ТIом! Подвал! Тхо кIелхьарадаха тарлорий оцу подвало? Тарлора и тIом бах ца беллехьара. И бахбеллера. Цхьана оцу тIамна генахь волчунна оьшуш хиллера и тIом. Ткъа оцу подвал чохь Iачу тхуна моьттура, хIинцца хIара чекхдер ду. ТIаккха зуламхой эшийначул тIаьхьа, советски киношкахь гойтуш ма-хиллара, толаман мукъамаш хезар ду арахь, цомгуш йолу йоккха стаг а сихонца больнице дIаюьгур ю. Тхо дерриг а кIелхьара дохур ду.
Амма и ца хиларал совнаха, тхоьгара хьал кхин а эрчадолуш дара. Со модаш а, кIурзаша а вуьзна бехвеллера, куьйгаш а, юьхь а Iаржъеллера. Сайх йогIу хьожа а ца лалора. И тайпа хьожа массарах а йогIура. Хи дацара. Наггахь арара ло чу дохьура. И дан а кхераме дара. Подвал чохь дукха шийла хиларна и ло а ца дешара. ЦIе лато дечиг а кхачийнера. ЦIе латийча а, цу тIехь кечъян юург а яцара. Тхоьца тхан декъаза кхача къийсина долу мукадехкий девддера цу чуьра. Тхох летта хилла йолу къийзоргаш а, мезий а девддера оцу мукадехкашна тIаьххье. ХIара тхоьгара къиза хьал а, йоккхачу стеган узарш а, хIара шело а, тIом а лан ца луш девддера уьш.
Довда а, кIелхьардовла диезаш-м тхо а дара, цунах дика кхиеташ а дара, хIунда аьлча, наггахь кху чу тхо  саннаберш богIура, Руслана а дуьйцура. Федералаша гIала зуламхойх цIанйо шаьш бохуш, шайн дукха ницкъ а беш, подвала чу гранаташ кхуьссуш, цIетухургаш чуерзош хиллера.
Кху чуьра аравалар кхин а кхиераме ду. Делахь а, чохь Iачул вуолавалар гIолехь а хир ду аьлла хиета. Делахь а,  Ольга Сергеевна шен ненаца йоьзна ю. Нана  буха а юьтуш, араер яц иза. ХIетахь суна ца хаьара и. ТIаьхьо Максим волчохь хьошалгIахь волуш хиира.
Максим хьахийначара. Цуьнан доттагI-лулахо вара, хIара санна  аьрха а волуш. Эверестан а, кхин а масех бархIэзар метар лекхачу лаьмнийн буьххье вийлина а волуш, альпинист вара и. Цо дуьйцура шайн альпинистийн вовшийн гIодар чIогIачу низамехь ду. Амма и бакъо 8 эзар метар лакхаваллалц бен яц. Цул лакхаваьллачул тIаьхьа, цигахь даима шийла мох хьоькхучохь 50° сов шело йолчохь, дахарна, коьртана кислород  ца тоьучохь, цхьаммо вукхунна гIо-накъосталла дан аьтто а, ницкъ а боцчохь, цуьнан хьекъал а, лаам а артлучохь – альпинисташа шайн уггаре гергара стаг а оцу лаьмнийн басешкахь вуьту, я ша вала виеза цуьнан. Лахахь лаьтта тIехь цунах кхиета хала ду. Ткъа бахI эзар метар лакхахь цхьа а дахар доцчохь, кхин бакъонаш ю – айхьа хьо кIелхьара ваккха виеза.
Иштта дацахь а, цунах терра хьал дара тхан подвал чохь. Суо, хIокху подвал чохь хуьлучул, цу дуьненан буьххьехь хуьлуьйтур вара ас. Мухха делахь а, ломан буьххье шен лаамехь вуьйлу, шегахь мел доьналла ду хьажархьама. Ткъа тхо цхьана къизачу ницкъо кху подвал чу лаьхкина. Кхузахь а цхьа кIелхьаравала йиш йоцуш ву. Мукдехкий а, къийзоргаш а евдда кхузара. ХIинца ара а ваьлла дIа ца гIахь, со а кху чохь вуьсур вуйла, хаьа суна лаьмний басешкахь гIорийна Iохку альпинисташ санна, кху аьчкабетонан бухахь Iилла мега со.
Меллаша хьала а гIаьттина, хийлаза Руслан ма валлара. кху чуьра ара а ваьлла дIаваха йиш яра сан. Кху чохь сан нана а яц. Амма цхьана ойлано сецавора-кх со. ХIорш кIелхьарабаха ницкъ болуш вацахь а, боьрша стаг, зеделларг долуш а вара со. Кхузара яда йишйоцчу Ольга Сергеевнина а доккха туохар хир дара. Шен нана йитна дIагIур яц иза. Эверестан буьххьехь болчаьргахь долу хьал ду цуьнгахь хIокху подвал чохь. Ненах дог а диллина, кIант кIелхьарваккха  везий хаьий цунна? Нана муха юьтур ю? Кхечара шайн ишттачу хьолехь болу гергарнаш битнехь а,  кхуо шен нана юьтур яц. Дан хIума доцуш сахаьдда цуьнан. Нанас хьоькху мохь лан хала ду. Цундела сих-сиха кху чуьра аравуйла хир ву Руслан а. Ольга Сергеевна цунна тIаьхьа йоьлху, тIаьхьа яда гIора а доцуш. Руслан а акхаваьлла, цуьнан хьажар а хийцаделла. Юха цкъа автомат а яхьаш схьакхечи.
- ДIакхосса! Араяккха! Мичара яьлла хьуна? – мохь хьаькхира Ольга Сергеевнас, цуьнгара и схьаяккха а гIоьртира.
- ГIо диехьа, схьаяккхахьа, - дийхира цо соьга.
И дан ницкъ биснера соьгахь. Автомат йовха яра, кесталгIа кхиссина, Iожаллин хьожа йогIура цунах, каралаца а дегаза хиеташ.
- ДIа ма кхоссалахь и. Вайна оьшур ю! – мохь хьоькхура Руслана, ас и автомат подвалан цхьана сонехь долчу готтачу ор чу  кхоьссича.
ХIинца со дIавоьду хан тIекхечи, аьлла хийтира суна. Со кху чохь кхин Iалур воцуш холчохь вара, хIаваъ ца тоьура суна, оцу 8 эзар метар лакха буьххехь волуш санна. Руслана элира:
- Герз дIа хIунда кхоьсси ахь? Ас хала нисдина дара и.  ХIинца хьо дIавахча, оха дуьхьало муха йийр ю?
- Хьанна дуьхьало ян воллу хьо? ХIун дуьйцу ахь? – мохь хьаькхира Ольга Сергеевнас. Руслана суна юххе а таьIаш, хаьттира:
- Сан да нохчо ву, нана – оьрси. Алахь, муьлха агIо лаьцна тIом бан биеза ас?
Оцу хаттаро со вохийнера. Ойла еш со а волуш, нана йистхилира:
- Ахь хIун дуьйцу, ва кIант? ТIом бан биеза бохург хIун ду? Оьрсий ма бац нохчашца тIом беш. Талорхой бу-кх талорхошца тIом беш.
Ехха тийналла хIоьттира, тIаьхьо кхийтира со. Ольга Сергеевнас аьллачунна тIетоха хIума доцийла. ТIаккха цо элира соьга:
- Хьо дIаваха виеза. Хьо мукъане  хIокху Iазапах кIелхьарвала хьажахь.
ХIун эр ду ца хууш лаьттара со. Со-м дIа а вахана, дийна виса тарлора. Ткъа кху чохь кхара йоккху йолу буьйса Эверестан буьххьехь йоккхуш санна, я гIорор волуш, я мохо чукхуссур волуш, хир ю. Цунах дика кхиеташ яра Ольга Сергеевна а. Якъаелла дечиг санна , модаш дуьзна куьйгаш а къуьйлуш лаьттара иза суна  хьалхахь. Юьхь гIорийча санна цхьа а синхаам боцуш, хилча а кIурзаш гойтура бацара уьш.  Стигала басахь боккха ши бIаьрг бу-кх,  цуьнан  кийрахь са дуйла хоуьйтуш боданехь лиепаш, диехар деш, ала ца луш.
- Сайца Руслан дIавига мегий ас? – эли ас цуьнан дагара хиъча санна.
- ХIаъ, хIаъ! – чIогIа елха йолаелира иза. – КIелхьара ваккхахьа иза. Доьху хьоьга, хьайца дIавигахь иза.
- Со цхьанхьа гIур вац, - дуьхьал волу Руслан.
- Ва кIант, доьху ас, - нана гуора хIоьттира цунна хьалха, - хьо мукъане а дIагIохьа. Суна жимма атта хир дара.
- Мама, мама, ма эккхавехьа со. Суна хьоьца хила лаьа!
- ХIан-хIа! Доьху хьоь!... КIант! Берахь дуьйна аьлларг деш ма вара хьо. Ас хьуна диканиг бен хьоьхур дац… Вало, хьайн деваша волчу дIагIо. Кестта  тхо а цига дIакхочур ду.
УьйтIа девлча чIогIа мара а къевлина, барташ даьхна, шен хьомечу тIаьхьенан марзо шеца йита гIерташ санна яра нана.
Буьйсане  вахара сой, Русланний. Тхан лаьтта бухарчу хIусамехьчул сирла яра арахь. Стигал кхоьлина яра, делахь а гIалин юккъехь йогучу цIаро  цIиййинера иза. Гобаьккхина тIегIерташ цIе яра. Кхузахь тийна дара. ГIалин йистошкахь кхийссарш а, лелхарш а ду. Цигахь мухха делахь а цхьа дахар ду. Цигахь боьдуш тIом бу. Цигахь кIелхьаравала меттиг а хир бу аьлла хиета.
Тхойшиъ оцу тIеман дорцехьа воьду, и «дарцаш синтем болуш санна» - классико ма-аллара.

5 январь, де

Тахана кху клиникехь тамаше тийналла а, синтем а бу. Шен-шен хенахь Iуьйранна а, делкъана а юург ели. Даима санна Iуьйранна зIетуьйхира йоIа – цуьнан гIуллакхаш а дика ду. Иштта сан а ду, аьлла дуьхьала яздира ас. ЦIера а телефон етташ бара, шаьш дика Iаш ду, бохуш. Массанхьара а хьаькмаш дозанал арахьарчу курорташка садаIа а бахана, адамийн сапаргIат даьллачух тера ду. Керлачу шеран дезденош ма ду. Ткъа со къахьоьгуш ву. Сан йозанех къинхьегам алар нийса хир дац. Алапин а, ахчанан а дуьхьа беш хуьлу болх. Аса стенна яздо? Цхьана хIуманах кхиета гIиерта? Цхьанна цхьана хIуманца   даьлелдан* гIиерта? Бехказвийлар дуй техьа? Ца хаьа суна. Сайга къамел ца далон дела, кху йозанашкахь дагна синтем а, синхаам а хуьлу суна. ХIара йозанаш яздар Эверест буьххье хьалавалар санна хила а мега. Аьр вайна дуьненна хIун пайда хилира, масала, Максиман цхьа доттагI Эверестан буьххье ваьлча. Дика гIуллакх лара мегар ду-кх. Кхин хIуммаъ дац.  Книга язъяр а цунах терра гIуллакх ду-кх. Вон хIума дац и. Зене а дац, тIом а бац и, мелхо а тIамна дуьхьал яздеш йоза ду-кх.
Адамаша вовшашка ладогIара,   вовшийн хезаш делахьара, вовшех дашахьара – тIемаш а хир бацара. ТIом – вуон ду. ТIамехь ваха кхераме а, зене а ду. ТIамах лаьцна яздан а атта дац. Амма яздан-м диеза. ТIамо кIентий хIаллакбо… Ткъа суна тIедуьйжира деза дукъ, Ольга Сергеевнас шен цхьаъ бен воцу кIант тешийра сох. Майкопехь вехаш волу Русланан деваша волчу кIант дIакхачор ву, аьлла дош деллера ас.
Буьйса юкъал тIехъяьллера тхойшиъ оцу подвал чуьра дIавахча. Некъ хала белахь а, сихоян диезаш вара тхойшиъ. Кхузахь догIуш ца хила магахь а, Максиман доттагI-альпинистан дешнаш дагадаьхкира суна. Цо бохура: 8 эзар лекхачу ломахула хьалагIертачул а хIорда бухахула вада атта ду. Иштта хала дара тхойшинна и некъ бан. Къаьсттина суна даима а оцу Русланах яра сан ойланаш. Деле доьхура сайна и кIант кIелхьараваккха аьтто хилийта, бохуш.
Хала дара. Салоьцура, хIаваъ ца тоьуш санна хиеталора. Вуон хьожанаш яра, дIадохказа Iохкучу декъийн хьожа уггаре лан хала яра. Сан хьомечу гIаланах хиллачу гIалартехула, девзаш хIумма а доцуш, кхераме долуш, ураме ца волуш, керташкахула дIаоьхура тхойшиъ. Кегйина керташ а, хьакълагIаш а, лелхаза йисна ракеташ, юха а декъий нислора оцу новкъахь. Иччархойн Iалашо тхаьшшиннах хиларна а, мини тIе нисваларна а кхоьруш. Лелхаш бомбанаш яра, кхуьйсуш тоьпаш яра. ХIора эккхаро а, кхоссаро а са малдой, дог тохалора, юха лерехь гIовгIа а хIуттуш синпхенаш детталора. Юххехь Руслан вацахьара сайн дIаваха атта хир дара, аьлла хиетара суна. Делахь а, иза къона а ву, хIара меттигаш евзаш а, каде а, аьрха а ву. Цуьнан аьрхаллех кхоьруш, иза сайна тIехьа сецош хуьлу со.  Некъ ас билгалбина. Ваша Гехон лулахо волчу кхача лаьа суна.            Уьш     шайн подвал чохь бу.   Цигахь   жимма   гIолехь хила а мега, керланиг хуур ду аьлла хиета-кх.
Хии суна. ХIокху куьпехь цIенош а, кевнаш а херцийна езачу техникеца. Гехон кIентан керла дина цIа – хьакълагIаш ю. Лулара цIенош а аьтта. Кхузахь дахар дац. Я хила йиш а яц. Декъийн хьожа ю. Со инзарваьлла лаьтта. Русланан маьхьаро а кхерий со.
- ДIо керта юххехь дукха декъий ду. Царна тоьпаш тоьхначух тера ду.
ХIетахь сайгара яьллачу ледарнонна къера ву со. Руслан ларвархьама, цуьнан куьг а лаьцна цу меттера дIавахара со. И байина нах дIабохка сан ницкъ ца тоьънехь а, царна тIера Еса деша мегар дара аса. Царна юккъехь Гехон кIентан лулахо хила а тарло.
- Валолахь чехка, - цу меттехь кхин сецнехь мегар воцуш, кхеравеллера со. Цхьа-ши куп дехьаваьлча кхин а кхераме хьал дара. Шокъетташ юххехула тIехъиккхира йоккхачу тоьпан хIоъ, тхойшиъ вожа а веш иккхира иза гена йоцуш. ХьалагIатта а де доцуш мацаллий, шелонний гIора кхачийна когаш иэгадора. Цхьана шийлачу кертах букътоьхна, когаш тIе а лахвелла, вехха Iийра со. ХIетахь тосабелира цхьа кхераме синхаам – ойла ян, ваха а ца лууш, бендацар а, гIорасизалла а дара соьгахь.
Юххе кхочуш лаьтта беркеманийн гIовгIа хезча меттах ца валалуш со Iаш, Руслана мохь тоьхна меттавалийра со.
- Вайшиъ хьалхахьа дIаваха виеза, я лоха подвал чу, - «мама йолчу» аланза висира и. – Я гIалех аравала виеза.
- ХIан? Подвал чу мегар дац… Вало. Кху гIали чуьра аравала виеза.
Соьлжа-ГIала оццул йоккха юйла ца хаьара суна. Сахилллалц некъ бича, Старопромысловски кIошта бен ца кхаьчнера тхойшиъ. Дуьхьал йогIучу техникин гIовгIа а хезна, цхьа йохийначу гIишлонан подвал чу лечкъира тхойшиъ. Дукха танкаш, «Градаш», яккхий тоьпаш, дукха салтий бара гIали чу богIуш. И берриге тIеман гIирс туоха а, кхосса а болалахь, жимачу Нохчийчохь дийна меттиг юьсур юй-техьа аьлла хиетара. Со воьхна а, хьаьшна а вара. Са а, пха а хедаш лаьттара сан. Кхин дIаваха гIора дацара мичхьа вахна, Руслан кIелхтара воккхур ву а ца хаара, суо кIелхьарвала а де доцуш висарна. Хала а, вуон а дара суна. ДегI доьхнера, чIогIа хьогалла а яра. Мала хи дацара. Экхано санна и боьха, мокха ло дууш вара со. Кхиетамчуьра ваьлла хиллера со. Юха гIали чуйогIучу керлачу колонин гIовгIано самаваьккхича, Руслан мичахь ву? Руслан къайлавьлча, Ольга Сергеевнигахь хилла  хьал хир дара соьгахь дерг. Воьлхуш-м вацара со. Легаш лозуш, велхалур а вацара, мохь а ца тохалора, къурд а ца балора. Русланна сагатдеш, сан легаш лазар а дицделлера суна. Юха вела а къежаш гучувели хих дуьзна шиша а дахьаш. Соьга схьакхийдадо и шиша.
- Хьо мичахь вара?
- Хьо хи доьхуш ма вара.
Шиша схьаийцира ас. КIант  човхо лаахь а, гIора дацара.
- Руслан, хьо шайн деваша волчу дIакхието диезаш ву со. Доьху хьоь, къайла ма вийла кхин. Со гIийла ву. Кхиетий хьо?
- Кхиета. Хьуна дагар ду. Хьо могуш вац.
Суо могуш воцийла-м суна сайна а хаьара. Делахь а цомгушхила йиш ма яц сан. Хи аьлча, цхьа шийла а йолуш мокха тIуналла яра и ас дIамелларг. Сан хих хьаьгначу дегIана чIогIа оьшуш дара и хи. Цул тIаьхьа сайн дегIе мелла а ницкъ беъча санна хийтира суна. Аьлча, айса суо меттавало хьаьжир-кха. Мал ца луш, халонашца къуьйсуш дIавахар ду коьртаниг. Мичахьа? Мичахьа-м кхиеташ дара, кху гIалина а, республикина а генна дIа. Муха?  И дан лур дуй тиеша, аьлла хиета.
ЦIаьххьана дагадеара. Тхойшиъ  Карпински барз олучу меттигана юххехь ма ву. Цигахь  сан урхалла а ю. Цига кхача виеза тхойшиъ, аьлла ойла кхоллаелира сан. Юха Iаржъелча цига дIавахара тхойшиъ.
И кIант сайна бале валарна кхоьруш вара со юьхьанца. Цунах суна дика накъост хилира оцу басехула тхойшиъ хьалаволуш. Суо могуш воцуш а, гIорасиз а хиларна, тергалбеш болчу новкъахула ваха мегара. Ткъа хIинцале а тIеман амалш евзина волу Руслана со цхьана коьллаш юккъехула вуьгура. Хьала мел вели а хала дара суна, цул совнаха тхаьшшима эрна некъ бой техьа, бохуш шеконаш а яра сан. Сан урхалла гу тIехь, массо маьIIера  дика гуш ма ю. Ткъа со хIара кIант а эцна цига хьала гIерташ ву.
Жимма гIура йолуш, когаш шершаш хала делахь а, буьххьехь дохк а йолуш, цхьадика тхо гур доцуш аьтто хилира. Меттиг хийца яланза а, тийна а яра. Цхьа машаре кIайдарг яра цигахь – ков а, керт а лаьтташ дара. ДогIанаш а, ас охьадехкинчу, боккхачу тIулга кIелахь Iохкура. Тхойшиъ керта велира. Со дIаваханчул тIаьхьа кхузахь цхьа а ца хиллачух тера ду. Шадерриг а хьалха санна ду, ток яц-кха. Делахь а кхузахь генератор ю. Амма ас латор яц.
Кхузахь сан сайн чоь ю, мотт-гIайба а долуш. Делахь а, Руслан ша вита йиш яц. Тхойшиъ чохь масех маьнга болчу белхалой садоIучу чувоьду. Со цхьана маьнги тIе охьавужу.
- Руслан, доьху хьоь, суна юххера дIа ма вала. Охьавижа, набъеш, - олу аса халла.
… Самаваьлча, дегI лозу сан, корта а даш санна базбелла. Со мичахь ву а ца хаьа. Арахь кхоьлина ю, цхьанхьа стигал къиекъаш санна хиета. Юха а наб кхиета суна. ГIенах сайн доьзал дуьхьалтосу. Сайн жимах йолу йоI, сайн хьоме шовда го. Цхьа хаза, мукъаме ю цуьнан йиш. Стигалан къекъара халла хозуьйту и мукъам. Юха гена доцуш чIогIа тата долу, со ласта а веш. Дерригенах кхетча санна хьалаэккха со.
- Руслан! Руслан!, мичахь ву хьо?
Эцца Руслан гучу ца ваьллехь, хьера волуш вара со. Ткъа иза серла а ваьлла, цIен бос эцна ву.
- Самавели хьо? – велакъежара и. – Кхузахь мел оьшург а йолуш ю. Баллонаш чохь газ а ю. Хи а дохдина, лийчи со. ХIинцца юург а схьайохьу ас.
Тхан белхан столови чохь жарж а, консерваш а, чай а, шекар а хиллера. Руслан говзанча ву. Жаржан худар а, кхин цхьацца хIума а кхьаьлли ас, яа дог доццушехь. Цомгуш ву со.
- Лийча виеза хьо. Аса хи дохдийр ду, - боху Руслана.
Оццул дукха а, хала буьйсанаш оцу подвал чохь яьхначул тIаьхьа дегIах хи кхарзар чIогIа тамехь дара, тIом а бицбеллера суна. Цул тIаьхьа, моз а тухуш, чай мелира. Сан кабинет чохь моз хиллера. ЮргIана кIел а вахана дIавижча, хьацар а туьйхира. Ас Iуналла дан диезаш волу, Руслан вара со Iалашвеш.
Коран аьнгали а эккхаш даьллачу татано самаваьккхира со. Руслане кхайкхира. Хезаш вац. Кхеравелла араиккхира со. ДIахьаьжча – тхов тIе ваьлла-кх.
- ХIун деш ву хьо цигахь?
- Кхузара дIа гIала дика го.
- Охьавосса! Чехка воссалахь, - дуьхьала веди со.
ТIаьхьуо тхойшиъ чай молуш Iаш, ша-шега бохуш санна эли Руслана:
- ГIалахь хIинца тийна ду. Йогуш хIумма а яц, кеманаш а дац кхийсарш еш.
- Яц те. Шайчарна бомбанаш муха еттар ю. Мел дукха техника а, салтий а чубахна цу гIала.
Вист ца хуьлуш Iара тхойшиъ, шинний дагахь тхешан подвал хиларх шеко яцара. Ткъа Руслана цIаьххьана доьху:
- Буьйсанна гIала вахана ван мегий со? Мама… Сахилале юхавоьрзур ву.
- Мегар дац, - чIагIвала гIерта со. Юха цуьнан хих буьзна бIаьргаш гича, - Хьуна чIогIа лаахь, цхьаьний гIур ву. Мел кхиераме ду и, хаьий хьуна? Самагатде. Суна хиетарехь, гIалахь массо а меттиг толлуш хир ю. Уьш карийна а хир бу. Ольга Сергеевна а, цуьнан нана а оьрсий бу. Цигахь ша-дерриг дIанисделла, - велакъежа со. – Уьш хIинца цхьа тIеман лазартне  кхьаьчна хир бу. Майкопе зIетоьхна, лоьраша гIо деш хир бу. Вайшиъ хIинца а кхузахь ву… Цо сагатдо хир ду-кх.
ЧIогIа сабIарзделла ву со суо. Кийрара хьалаоьхуш бара цхьа кхиерам. Цхьаъ дан дезийла хаара суна. ХIун дан диеза? Кхузаъ а салтий схьакхочур буйла хаьара. Республикера араваьлла, дIаваха виеза. ХIокху дукъал дехьаваьлча Iалхан-ГIала юйла хаьара суна. Цу юьртахь нах хила биеза.
Юххехула дIабоьдуш Ростов-Баку некъ бу. Цигахула ГIалгIачоь а, Ставрополе а дIагIертар ву-кх. Оцу ойланаша жимма сапаргIат даьккхира сан.
Руслана хоьтту:
- Генератор хьалалато мегий ас?
- ХIунда? Цо мел йоккха гIовгIа йой, хаьий хьуна?
- Телевизор а латийна, дуьненчохь хIун ду хьовсур дар-кх.
Оцу кIанта со цецвохура. Хала дара цо бохучунна дуьхьало ян.
Йоккха гIовгIа яьккхира бIекиловатт луш йолчу генераторо. Ток яла йолийра цуо. Телевизоро хIумма ца гойтура. Амма Руслана цхьа тел* а лехна, антеннин бахьана а дина, ши-кхоъ канал гайта йолаелира. Керлачу хаамашка ладоьгIча, юьйцург Нохчичоь яра. Соьлжа-ГIала а,  республикан доккхах долу дакъа федеральни ницкъийн таргамехь ду. Iедалан хьукуматаш а болх бан  юьйлалуш ю. Экономика а меттахIоттош ю. Руслан ма дика кIант ву-кх. Хьалххе суна а дага хIунда ца догIура хIара. Со диспетчеран чоьне воьду. Раци хьала латийча, хезаш ду тхешан диспетчеран девзаш долу аз.  Со дуьхьал мохь бетта волавелира.
- Хьо мичахь ву? – хоьтту соьга оцу озо.
- Со сайн балхахь, урхаллехь ву-кх. ГIо дейша суна. Соьца жима стаг ву. Иза араваккха виеза. ГIодейша!
- ДIа ма яйалахь, - боху диспетчеро. Юха жимма хан яьлча, - Ас коьртехь волчуьнга хаийтина. Шу долчу дIайогIуш машен ю. Муха ву хьо?
- Дика ву, - сайн сингаттам буьйцу ас. - ЗIе юй хьан болх беш? Москва а, Майкопе а зIетоха йиш юй? – чехкка ши номер дIаюьйцу ас.
Дуьне хийцаделла, серладаьлча санна хиетара. Хилларг ирча гIан ду моьттура.
- Руслан! Руслан! – воккхавеш мохь беттара аса. – Некъ тергалбе, вайшиъ дIавига йогIуш машен ю.
Ткъа со рацига ладугIуш ву. Москвахь берш, со дийна вуйла а хиъна, боьлхуш бу. Майкопехь цхьа дуьхьал вист ца хилла.
- Руслан! Руслан, йогIий машен?
- ХIан-хIа! – дуьхьал мохь туху.
Кхин а цкъа-шозза хотту ас. Цо юха а иштта жоп ло. Юха цIаьххьана ведда схьавеа а.
- ЙогIуш ю. БТР-ш, федералаш бу моьтту суна.
- Хир бу-кх, - хазахийти суна. – ХIинца кхин муьлхачу машенахь лиелар бу.
Тхойшиъ араведира. Ков долчу дIахьаьдира тхойшиъ.
- Мамий, ненаний йолчу гIур дуй вай?
- Дера гIур ду, - гучуяьлла техника йоккхачу гIовгIанца тIекхочуш лаьттара. Цу тIехь Iаш туьтмIаьжгаш а йоьхкина салтий а бу, ши жIаьла а ду.
- Руслан! Къайлаволу вайшиъ! – мохь бели соьгара. Цуьнан пхьарс а лаьцна неIарх чоьхьаваккха гIерта со. Иза-м ша дика хууш ву дан дезарг.
ТIаьхьа ду. Эрна ду. ЖIаьлеш ду цаьрца.
- Керта вала! – кевнан гIуй дIабуллу ас. Уьш юххехула тIехбовларе а сатуьйсура. Тхуна тIаьхьа бахкийтина хила а ма мега  уьш. Амма царех бIаьрг ма кхийттина, голаш иэго йолаелира. Хьалхара машен кевнна тIегIоьртича, дерригенах кхетта, дуьхьал хьаьдира со.
- Ков ма кагде, ас схьадоьллу! Со кхузара хьаькам ву.
Ас неI дIайиллича, дерриге а ков схьаделла аьлла гайтира куьйга эшарехь. Ши машен кех чоьхьаелира. Шиъ арахь сецира. Герзах воьттина ткъех салти охьалилхира машенаш тIера. Церан хьаькам ша а туьтмIаьжгаца йуьхь къайлаяьккхина вара.
Иштта дуьххьара федералашна дуьхьал нисвелира со. Дукха кхеравелла сайга бохучух а ца кхийтира.
- Документаш!
Сайн паспорт а, удостоверени а дIаделира ас. Эпсар леррина хьоьжу паспорте, юха удостоверени схьадоьллу.
- ХIара хIун чагIалх ю? – тIетаIийначу мухIар тIера Ичкерин борз ца тайна цунна. Со вист ца хуьлу. Цо и удостоверени датIа а дой хоттала охьа кхуссу. Русланехьа воьрзий:
- Хьан документаш!
Руслана а шен бердаран тоьшалла дIакховдадо.
- ХIара хIун ю? Мичахь ду хьан паспорт? – мохь туху эпсаро.
- Паспорт дац цуьнан, - жоп ло ас. – ХIинца ялхийтта шо а ца кхаьчна. Юха хIара кегари… Паспорт мичара хир ду цуьнан?
- Со хьоьга хоьттуш вац. ДIасацае хьайт батт, - цо корта таIийра.
Юххехь лаьттачу ондачо:
- Пенехьа а верзий дIахIотта. Ши куьг ирах дахийта, когаш дIасабахийта!
Тхойшиннан дегIах хьаьвсира. Сан киснахь карийна бохчий, блокноттий, мокхий, кагделла куьзганашший. Русланан киснахь жима урссий, сирникашший.
- Кхин цхьа а вуй кху кертахь?
- Вац, - со схьаверзийтира. Руслан пенехьа вирзина лаьтташ ву. Эпсаро юха а корта таIийра. Иттех салтий шайн жIаьлешца контори чу хьаьвдира. Хье ца луш жIаьлеша гIалх элира. Салтий чуьра арабевлира.
- ЦIена ду! – хаам бо цхьаммо. Важа ву серий а хедош тхан раци чуьра а яьккхина и яхьаш вогIуш.
- Пачхьалкхан долалла, ирхкхоссало со, амма эпсаран туьтмIаьжга кIелхьара схьакъарзийначу бIаьргаша, ю тоьхча сана Iовжавой дIатоь со.
- Рацех «тIемалоша» пайда иэца тарло. ХIан хьайн паспорт. ГIуллакх де хьайна! Ткъа хIара, - эпсаро корта таIийра. Ондачу шина салтичо куьйгаш тIехьа дахкийтина хьала саттийна Русланан корта лаьтта охьабахийтира.
- Вало! – аьлла кIентан настарх мийра туьйхира цара.
- Аш хIун до? Аш хIун до? – синкхиетамчу веъча санна вара со.
- ХIара кIант хьенан, мила ву хаа диеза.
- ХIара сан вешин кIант ву-кх!  Вита хIара! – чухьаьдда волу со юхакхуссуш, гали санна БТР-чу вахийтира цара кIант.
Со чIогIа оьгIазвахнера: - Делахь хIета со а дIавига цуьнца. – Эпсарах тасавелира со. Сан кIесаркIагчу хIума кхийтира. Кхиетачуьра ца ваьллехь а, хьалагIатта де доцуш, вуьйжира со. Кхано хьалагIаьттича, корта эккхаш боллу, бIагор хьийза. Iаьржа кIура туьйсуш дIайоьлху машенаш дохкарлахь санна  гора суна.
- Совца, боьха хIумнаш! – галвуьйлуш, охьа а ветталуш, царна тIаьхьа уьду со…  Кхин дIа яздан а ца лаьа. Цул тIаьхьа суна тIом болабелира. ХIинца а дерриге карладаьккхина юха айса лайча, дахарехь мел халонаш нисъелира, бохучух тиеша ца тиеша. Наггахь хиетало, хIетахь цара со дIавигна хиллехь, со велла а хила мегара. Ткъа хIинца юха  цхьамма кIесаркIагчу тоьпан хен тоьхча санна корта лазабаьккхи оцу меттаххьайначу дагалецамаша…
Набъян! Наб а Iожалла санна ма ю. ТIаккха хьуна хаьа дерриг а чекхдаьллийла а, чекдер дуйла а. Цуьнца ду-кх дахаран маьIна а, дастамалла а…

6 январь, суьйре

Тахана массо а со чиехош вара. Сама ца волуш, Iуьйренан юург а тIехъялийтина ас. Лорйиша яра зIееташ, гIам-гIим деш. Ткъа сан корта лазабаьлла. ХIума кхалла ца лаьара. АгIорвелира со. Камерашна-м дерриге а гуш ма дуй, Америкехь а тIехь. Шайн клиникехь кхин цхьа дакъа гучудаларна кхерабелла хир бу. Америкехь садоIуш волу сан радиолор а меттаххьавинера цара. Америкехь шайш белхан гIайгIа чIогIа бо. Радиолор соьга зIеетташ ву. Соьгахь хIун хьал ду бохуш, хоьтту. Сан корта лозийла а хии цунна.
- Хьан хьена кислород ца тоьу, - эзарнаш чакхарна генахь шаьш белахь а, соьгара хьал гуш бу-кх уьш. – Мара а, батт а, хьайн катетер а цIанъе. Буса хьайн йозанаш а дитий, набъе.
- Цкъа язде олу ахь, юха ма язде, бохуш дуьхьала гIам-гIам до ас. Бакъдерг дийцича, айса мел лайна хало юха карлайоккхуш, ловш, чIогIа халонга дер дуй ца хаьара суна и йозанаш яздар.
ХIинца и дерриге лан ницкъ тоьур а бацара. Лийр вара со. Кехат тIе и даккха воьлча, корта лазабели. Сан синах дерг аьлча. Са дац. Лоьраша хадийна дIадаьккхиначух тера ду. Цуьнан меттана катетер хIоттийна. И бехъелча цIанъян а, хийца а мегаш ю. Са-м а дац и. И катетер санна, са а, иэс а кхоллам а хийца, ца оьшург дIадайъа йиш хилча. Хьанна хаьа, кестта иштта хила а тарло Цу тIе кхача гIиерташ ду адам…
Лоьраша бохург деш, сайн мара а, бат а, катетер а цIанйи ас. СадиеIар аттачу даьллехь а, корта-м лозуш бу.
Маржа-яI! ХIара дахар юха карладаккха йиш хилча, я кхоллам хийца. Маьршацу адамна тIом болчохь Iиен мегар дац. ДIавовшех летийта. ДIаваха виеза. Хьалххехь ваха виезара. Со-м сайн доьзал а иэцна дIавахнера. Даймахках къаьстина ца Iалуш юха веар-кх. Бан болх ца хиларна а веара. Кхоллам хийцалур бац. ТIом бахьанехь нехан махкахь дуьненчу ма-валлара, байлахь вина волу со, хIинца хIара тIом бахьанехь шина кIантах а ваьлла, тIаьхье йоцуш, цхьаллехь ву. И дерриге а лан а, вала а хала ду. И дерриг кийрахь кхехкаш, биекхаман новкъа хIуьттуш, оьгIазло хиларх бан тамаша буй?
… Иштта ю-кх дог-ойла!
Лаьмнашкахь чехка а, цIаьххьана а хийцало, хенан хIоттам санна, и Iаьржа ойланаш коьртехь хьийза йолаелира сан, сийсара ас Руслан дIавигарх лаьцна яздечу хенахь. Юха тахана Iуьйранна со карзахвала герга вара: кхара зIеетташ деш долу Iовдала хьиехарш, «ма язде» бохург а. Амма ас яздийр ду. Руслан кIелхьара ваккха виеза. Нагахь санна кхара сан са а, лаам а дIабаьккхинехь а, хIара дегIан чарх соьца ма ю. Иза къийсам латто биезаш ю. Цундела сан дегIана гIора оьшу. ДегI меттах а доккхуш, чIагIдан вуолало со. Сан дог могуш а, ницкъболуш ду боху кхара шаьш а. Тахана бIозза когаш тIе лахлуш хьалагIаьтти со, оццул куьйгаш тIе вазлуш хьала-охьа таьIи. Сайн садиеIар нисди. ТIаккха дегIах тIуьна гата хьийкхи. Эццахь дIадоладели-кх. Америкера схьа зIеетташ ву сан радиолор. Шаьш суна цамагийнарг лиеладо бохуш, чехий со. ДегIана совнах ницкъбар сан могашаллина кхиераме ду, боху. Иштта лорйишас а маьттазчу маттаца човхий со. Цул тIаьхьа Маккхал вара зIеетташ. Сан радиолоьро Шовдица къамел дина хилла. Са дегIера радиаци сан бехкенна лахлуш яц, аьлла. Со бахьана долуш ша садаIа йиш йоцуш ву, шел лакхарчара хьийзош а ву бохуш арз дина. Шовда йоьлхуш ю. Цуьнан марда соьга зIеетташ ву. Со бахьана долуш, дукха нахана сингаттам баьлла. Америкехь а, Европехь а. Со эхь хиеташ ву. ЙоIана а сагатло сан, сайн бехк болу дела.
Амма дерриг а кхоьлина дац. Къегина агIонаш а ю вайн дахарехь. Сан дахаран хьоста, сан Шовда ю зIеетташ. Со чехош а яц и. Мелхо а сан дог-ойла гIаттош, хьуо Iалашве, бохуш ю! Иштта ду-кх! Со виезаш, оьшуш а адам ду-кх. Сан йоI! Кху дуьненчохь дийна висна сан цхьаъ бен воцу гергара стаг!
Цуьнан дешнаша сан сапаргIатдоккхуш, керла ницкъ луш, ваха лаьа суна… Сан дахаран цхьа кийсак бен яцахь а, цо гойту, даима Iаьржа моха чекхъяьлла, кIайн моха а хуьлу дахарехь. Я иштта хиетало техьа.
Со Руслан эцна дIайоьдучу машенашна тIаьхьа уьду зама Iаьржа а, бодане а яра. Оцу машенийн лорах  бертал кхиеташ, хьала гIоттуш, мохь бетташ, куьйгаш лестош ведда воьдура со. Некъо гуола тухучохь къайлаевлира и машенаш. Со цига кхочушшехь охьа а кхетта, дуьхьала йогIучу «уазикна» кIелваханза висира. И тхойшинна тIаьхьа яийтина машен хиллера.
Сан хотIах цецбевлера сан белхан накъостий. Цаьрга кхин хIума а ца дуьйцуш, сайн боьхачу бедаршца, машен чу а хиъна элира ас:
- Юхаерзае! Йиъ БТР гирий шуна? Чехка царна тIаьхьа хахка! – мохь беттара ас. Тхан шофер каде кIант хиллера. БТР-ш гуш а йолуш, блокпосте кхечира. Уьш дуьхьало йоцуш чекхлилхира. Ткъа тхо совцийра, сан боьха духар бахьана долуш. Сан къамеле ла ца дугIуш, цхьанхьа чувигира со. Цу чохь дукха эскархой бу, компьютершна хьалха Iаш зударий бу. Сох бIаьрг кхетча, мохь бели цаьрга:
- ХIара хоттах вуьзнарг хIунда валийна ахь? Араваккха. ДIавахийта!
Тхо чекхдовлийтира. Боьхачу, доьхначу урамашкахула дIахаьхкира оха. ХIара Соьлжа-ГIала яц! ГIан ду-те, я цхьа Iадаме кино ю-те суна гушъерг! Амма хIара бакъдерг ду. Яьгна машенаш, Iаьржа ло. БТР-ш къайлаевлла, цаьрца Руслан а. Суна дуьхьал хIуьттург и вац. Цуьнан ненан Ольга Сергеевнин юьхь-сибат ду.
Тхешан шофере доьху ас, цхьанхьа гIахьара бохуш. Иза кхиераме ду, хIокху есачу гIала-гIалартехь. Цхьа а адам а, машен а яц гуш. ТIеман техника ю массанхьа а, тхаьш цхьаммо Iалашоне лаьцча санна хиетало. ТIаьххьара а, со бахьана долуш, сайн накъостий айса кхиерамечу хьолехь латтабойла хаьа суна.
- Со охьавоссийтал, - боху ас.
- Ахь хIун дуьйцу? Юхаъ хьо лиеха виезар ву. Коьртаниг ву хьоьга кхойкхуш. Цо гIо дийр дацар-техьа.
- ХIинца коьртаниг мила ву? – хоьтту ас.
- ХIетахьлераниг.
Оцу хаамо цецвоккху со.
… Студент волчу хенахь сан бригадехь белхан хаарш а девзина, тIаьхьо бригадан декъашхо хилла а вара иза. Цул тIаьхьа хIара кегаре болабелча, Москва дIавахнера. Юха тIом болабалале ши бутт хьалха Москвара схьахьажийна керла коьрта директор вара и. Ткъа хIинца юха а изза оцу дарже хIоттийна-кх.
- И волчу дIавигийша со, - доьху ас, - цунах ю-кх ерриге а дегайовхо.
- И ша а ву хьоьга тIекхойкхуш. «Грознефтан» контора ша хиллачохь ю. Гобаьккхина аьчкабетонан лекха керт а, блок-пост а, БТР-ш ю цигахь. Со-м кхузахь чувита тарло. Делахь суна тIера бедарш а, модаш а… Ойлане девли тхо. Амма со цунна тIекхача виезаш ву. Сан квартира ма ю кхузахь генна йоцуш. Цу чохь йисна бедарш а хила мега. Кхин некъ бацара. Цига дахара тхо.
Меттиг йовза хала ду. ХIан сан урам, сан уьйтIе а, сан цIа а, квартира а яц. Амма иэсо нийса некъ гойтуш тIевуьгу со. НеI йиллина ю. Кораш а кегделла, чан а, Iаьржа ло а ду коран аннаш тIехь. Кхин хIуманаш шен-шен меттахь йолуш санна хиетало. Телевизор а, шелиг* а тоьпаш йиттина Iуьргаш девлла ю.
Шипанер чохь кхозу ас лелийна бедарщ а ченах юьзна ю. Мухха елахь а тIеюха хIума ю-кх.
ГIала хийцаеллехь а, коьртачун кабинет хIетахьлераниг ю. Керла кораш ду. ХIусамда а хийцавелла, тишвелла, сингаттаме а ву. Вовшашка ши-кхо дош эли охашимма. ХIара хьал дийцаредан хала ду. Хьекъалца кхиета а, ….. а хала делахь, ваха а лаьа, ваха а и.
Уггаре а хьалха телефонашка хьожу со.
- ЗIе болх беш юй?
Цхьа хьалха Майкопе Русланан девешега зIетуьхи ас. Жоп дац. Цул тIаьхьа Москва туьйхи. Сан берийн нана йоьлхуш ю.
- Самагатде. Шадерг а лартIехь ду, - аьлла со ваьлча, коьртаниг балхах лаьцна дийца вуолавели. И юкъах а воккхуш сайн бала белхош ву со.
- Ольга Сергеевна евза хьуна! Цуьнан майра а дагавогIу. КIант кIелхьарваккха виеза. ГIо дехьа! Холчохь ву со. Цуьнан ненан бIаьра муха хьожур ву со?!
- Кхин хьожур вац.
- Хьожур вац? – карзахваьлла со, цуьнан гIийлачу, цуьнан гIийлачу бIаьра хьаьжча, дерригенах кхийти. Жимма Iийна цо боху:
- Луларчу цIийнан подвал чохь сан дейиша а, цуьнан йоI а хиллера. Чу гранаташ а кхуьйсуш массо а вийна… Эскар дац хIара, цхьа къотIалгIа йина хIумнаш ю, шайн ворхIа а дена наьIалт хиларш. КIант кIелхьараваккха виеза, аьлла, тIетуьйхира цо.
Кхоллам ца хийцахь а, дахарехь йовр йоцу лар юьттуш, цкъа ткъес тоьхча санна хан нисло адаман оьмарехь. Дукха ца нислахь а, иштта денош хуьлу вайн дахарехь. Цара билгалдоккху ахь лиелочун, дечун, хьан дахаран маьIна. Иза дийца а, гайта а, юха лан а хала ду… Соьга сайга хIуммаъ далур дацара. Цхьа а низам а, къиепе а йолуш хьал дара хIоьттинарг. Амма тхан гендиректоран карахь цхьа инзаре бакъонаш луш долу кехат ду, Москвахь схьаделла.
Цул сов, шеца лиелош леррина болу зIетуху гIирс а бу цуьнгахь. Иза муьлххачу блокпостах чекхволуьйту. Со арахь цуьнан   машен чохь вуьсу. Цхьана Iаламате, Руслан юххехь а волуш иза араваларе сатуьйсу ас. Русланан бIаьра муха хьожур ву со? Ненах дерг цуьнга муха хоуьйтур ду? ХIан-хIа! Суна хууш хIуммаъ дац. Сан Iалашо, Руслан схьакарор, иза шен деваша волчу Майкопе дIакхачор ю. ГIуллакх ца хуьлу-кх. Iаржлуш ю. Кху хьакълагIашкахь хIоттийна комендантски сахьт ду. Тхойшиъ «Грознефтан» конторе юхаверза диезаш ву. ЧIогIа гIелвелла, цхьана диван тIехь агIорволлушехь, набкхийти суна.
… ЧIогIачу татано цIенкъа вожий со. ТIом! Гена доццуш лелхарш, кхийсарш – царах со воьлла. Даго ца лов-кх. Сиха деттало и. Лазадели. Суна кху бодашкахь суо мичахь ву ца хаьа. Куьйга эшарехь ара вала меттиг лоьху. Со тилавелла, мичахь ву а дицделла, кхиеравелла. Гондахьа бода, шело, тата.  Со цхьа а ву. Суо юха подвал чохь волуш санна хиетало. Цу чу гранаташ а кхиссина, со лаьтта буха а воьллина, хуорам хилла леш ву. Сайна гена йоцуш Ольга Сергеевна а го. Ткъа Руслан! Ткъес тоьхча санна кхиетам серлабаьлла меттавеа со. Тийналла хIоьтти. Кху чуьра аравала и со. Бодашкахь неI а карийна хии суна суо мичахь ву. Юха диван йолчу вахана агIорвала лаьа суна.
Со гIелвелла, кхин къийса ницкъ бац.. Дерриг а дицдина ваьлча атта ду-кх.
- И ду техьа дахаран маьIна?
Наб кхетийта лаьа суна, шадерг а дицдеш. Амма дахарехь даима дикано вуонан тIехь толам боккху. Иштта хила диезар-кх даима.
Iуьйранна гендиректора самаваьккхи со. Самукъадаьлла, виелакъиежаш ву. Цуьнан кабинет а сирла ю, арахь малх бу. Тийна ду. Юххехь Руслан а ву. Сох бIаьрг кхетча, гIелвели и.
- Ас машен лур ю шуна. Катоххий кхузара дIавига и. Ахча оьший? Кхунна дарба лиело диеза.
- Мамас дарба лиелор ду. Иза лор ю, - боху Руслана.
Со кIантана юьхьдуьхьал ца хьажало. Гендиректора кIелхьаравоккху со.
- Уьш кхузара дIабаханчух тера ду… Мича бахна-м ца хаьа. Ткъа хьуна дарба лиело диеза. Хьажал хьо. ГIоьмаша къийлина куьйгаш сенделла ду. Аьтту куьган юккъера пIелг кагбина, дистина ду.
- ДIавига виеза, - чIагIдира гендиректора. Машен а елира тхуна. Со шоферна юххехь Iаш ву, Руслан – тIехьарчу меттехь. Тхо дIадуьйладелча, Руслана боху:
- Тхан цIа долчу вигийта со. Хьажа лаьа.
- Юккъе ца вуьту цхьа а. Минаш ю боху массанхьа а, - элира шофера, суна гIо деш.
Уггаре а халаниг, республикера аравалар дара. Суна шадерг а чекхдаьлла моьттура. Руслан суна тIехьа набъеш вара. Набъеш санна вехха Iийра иза, гIенах харцлуьйш а волуш. Халонаш лайна мискано, кхиеташ ду. Юха цIаьххьана меттахволий, сан белшах тасалой мохь хьоькху цо:
- Сан нана йийна! Боьхачу хIуманаша! Сацае машен! Ас доькхур ду царна! – йоьдуш лаьттачу машенан неI схьайоьллу цо. Шоферо цхьадика машен сацийра. Шен лазийначу куьйга тIе а вазлуш аракхоссавелла Руслан. Оцу лазаро сабIарздина, кхин чIогIа цIогIа деттара кIанта. Шоферой, асий хала сатедина, меттавалийна, юха машен чу хаийра иза. ХIинца уггаре а хьалха больнице кхача диезара. Русланан куьг Iаржлуш дара.
Моздокерчу больницехь цу дийнахь болх беш вайн махкахо – зуда хиллера. Аса къайлах хаьттира цуьнга, Ольга Сергеевна йевзарий хьуна аьлла. И хаттарх дохко а велира. ХIинца иза кIантах шен бIаьрхиш лечкъош йоьлхура. Делахь а сихха дан диезарг деш, иза больнице охьавижо юьйлира. Амма суна иза сихха, шен гергара нах болчу, Майкопе дIакхачо лаьара. Руслан а вара иза лууш.
Буьйсана гипс а, тоьхна маха а бахьана долуш Русланна наб кхийтира. Краснодарский крайн дозане кхьаьчча, тхо совцийча самавелира иза. Машен Нохчийнчуьра юйла хиъна леррина хьаьвсира цу чохь хIун ю. КIант мила ву ца хаь бохуш, сиецо а гIиртира. Сахуьлуш цига схьакхаьчначу цхьана полковника соьга дика ла а доьгIна, дIадахийтира тхо.
Армавире дIакхачале Майкопе некъ дIабирзича жимма сапаргIатделира сан. КIант шен нахе дIа а велла, Максим волчу вахана, цуьнгара юхалург ахча а даьккхина, сайн доьзал болчу Москва дIагIур ву-кх со  кхана бохуш, сирла ойланаш еш вара со!
Юха а белшах кайетта Руслана:
- Хьо ца хиллехь, со сайн ненаца хир вара.
Ас, коьртах хIума кхетча санна, уккал таIийра. Айса муха олу а ца хууш, боху ас:
- Хаьий хьуна, Руслан, со махках баьккхинчу доьзалехь Казахстанехь дуьненчу ваьлла. Сан дена тоьпаш тоьхна цIера дохуш. Сан кхо шо а кхачале мацаллий, шелой, цамгар бахьана долуш нана елла сан. И дага а ца йогIу суна. Цуьнан хьожа а, йовхо а ца йицло. Ден-ненан суьрташ а дац сан. Со берийн цIийне дIавеллера.
Тийналла ю. сайна тIехь Iачу Русланехь долу хьал хаало суна. Юха тхан шофера шен бала балхийра:
- Цхьа бутт хьалха суна а гуш, берахь дуьйна заьIапхо волу, сан цхьаъ бен воцу жимах волу ваша вийра тоьпаш а тоьхна, цо шайга бакъдерг аьлла дела. Делахь а, доьзал кхаба а беза. Дерриге а гуш Дела ву, цо нисдийр ду дерриге а.
Майкопе кхаччалц кхин къамелаш ца дира оха. Оцу гIалин йисттехь цхьана тишачу цIа чохь Iаш хиллера Русланан деваша. Цуьнан боккха доьзал а бу. Къелла ю хаалуш И ша цIахь а вац. Ольга Сергеевна елла аьлла шена хезча, Соьлжа-ГIала вахна и. Русланах дерг хаа лууш вара массо а
… Русланан деваша тIепаза вайна аьлла хезира суна тIаьхьуо…
- Цхьа-ши де даьлча, со юха вогIур ву. ТIаккха Москва гIур ву, - боху ас.
- Бехк ма билла суна… Баркалла…, - элира Руслана.

7 январь, суьйре

Суо  иштта хIокху йозанна тIера хиларх, цецвуьйлу со. Сийсара сахиллалца, тахана Iуьйранна хаддаза язди ас. Юург чохь йолу контейнер схьакхаьчча хии Iуьйре юьйла. Сахилле бохург-м генахь ду. Арахь кхоьлина а, бодане а ю. Ас кхул хьалха яздинчух терра. Оцу акхараллех яздан чIогIа хала хиллера. Амма, суна хиетарехь, яздан-м диеза. Уггаре а хьалха суна сайна оьшу и. Бехказваларна а доцуш, талламбархьама. Ас цунах лаьцна цхьаьнга а дийцина ма дац. Лаа ца лаьара суна, юха оцу Iазапах чекхвала. Суо биехкен а хиетара. Оцу подвал чохь Iийнехь. ТIаккха сан а, Русланан кхоллам Ольга Сергеевин а, кхечеран а санна хир бар-кха. Цхьанна а гIо дан, тхаьшшиъ кIелхьаравала а ницкъ кхочур барий тиехьа тхан… Доцца аьлчп, хила тарлуш дерг а, бехказлонаш  ю-кх.
Ткъа тIом-къизалла, хьервалар, акхаралла ю. Цунах кхиета а, дийца а хала ду. И цхьа бодане , ирча сурт ду. Делахь а адам тIамах чекхдолу. Цунна даха а лаьа, даха а диеза. Со а вара ваха виезаш, сайн доьзал кхаба биезаш. Хенал хьалха суо валарна а кхоьрура со. Суо байлахь кхиъна дела, сайн бераш байлахь дисарна а кхоьрура.
ТIаьххьара со суо висира байлахь… Кхоллам. Цуьнца бала болуш стаг вацахь, мукъа хиларна яздо-кх…
Цхьадерг дага а ца догIу. Я дагадаийта а ца лаьа. Амма хIетахь I995 шеран юккъехь кхолламо сайна и Руслан карийча санна хийтира. Иза буо ду. Цунна ден метта дIахIотта ницкъ ца кхачахь а, сайга  далуш долу гIо деш, цуьнан верас хила виеза со.
Цуьнан гергара нах болчохь дукха ца Iаш, ара девлира тхо. Шофер юха Соьлжа-ГIала цIа ваха дезаш вара. Со сайн доьзал болчу Москва кхача лууш вара. Сайгара кIеззигчу нахарташца хала а, атта а Москва дIакхача тарлора. Русланна соьгара гIо оьшура.
Цундела Максим дагавеара суна. Кхоьссина догIуш ло а долуш, буьйсанна II сахьт долуш, Максиман уьйтIахь вара со. Иза лам чу вахна боху зудчо. Шина-кхаа дийнахь цIахь хир вац.
- Чувола, бераш цIахь ду. КIант волчохь охьавуьжур ву хьо.
- ХIан-хIа. Гена доццуш хьешан цIа хила диеза. Цигахь буьйса йоккхур ю. Церан цIенна гена валале такси лаца гIерта со. Амма хIокху жимачу гIалахь тийна ду. ГIаш дIаволавели со. ЙогIучу машенна ас куьг айъича генна серло а тухуш суна тIейолаели йоккха джип.
- Хьа-хьа-хьа! – машен чуьра  охьа а иккхина суна мара кхийти Максим.
- Ас хьайниш болчу Москва зIетоьхнера, хьо карийна чIогIа баккхийбеш бу. Ткъа тахана лам чу дахнера. Йочана ю. Хьуьнхочун кертахь бани а латийна Iаш, цIаьххьана даго хьиехна, хьо схьавеъна аьлла дагатесна, схьакхечи-кх. Дийна ву-кх хьо! Вало! Чухаа!
Со гIелвелла, модаш вуьзна а, меца а вара. Юхалург ахча муха доьхур ду а ца хаьара. Амма доттагIчуьнца цхьаьнакхиетаро дайдира шадерг а. Сахиллалц бохург санна къамелаш дира оха шимма. Дуьйцуш верг со вара. Максим а холчухIоьттира, къаьсттина Ольга Сергеевнех дерг хезча. БIаьргех хи а долуш, элира:
- Оцу кIантана, Русланна, гIо дан диеза.
- Хьоьгара юхалург ахча иэца дагахь вара со.
- ХIун юхалург? – велакъежира Максим. -  Зеба дагаваийтахь хьайна.
ШолгIачу дийнахь, Максима шен белхан машен а елла, Майкопе вахара со. Руслан больнице вахна, чохь вацара. Цуьнга дIало, аьлла, ахча дIа а кховдийна, оццу машенахь Краснодарерчу аэропорте вахара со. Сайн доьзал ган лууш вара со чIогIа.

Оццу буса

Наб ца кхиета…
Бакъдерг дийцича, со яздархо хила лууш вара. Сайн кхолламах лаьцна яздан лаьар-кх. Дахарехь сайна гIо динчарах лаьцна дийца декхарийлахь со волуш санна хиетара суна. Къаьсттина ваша Гехо вийца виезара. Юха Максим а вара, кхин а шортта доттагIий а, накъостий а бара… ХIуъа аьлча, дукхах долу адамаш дика ду, оьзда нах бу. Ткъа со тIаьхьарчу хенахь массарна оьгIазъоьхуш, дарвелла ву. Къам ахчано такхийча санна хиета суна. Ткъа заманаш а ма яра, адамаш а ма дара! Башха адамаш! Дахарехь цъьа кIеззигчу ханна бен царах ца кхеттехь а, дерриге а дахар цара билгалдаьккхича санна хиетало.
Максима Зеба хьахор эрна ма дацара. Тхуна пхьоьазза-йолхазза бен гина вацахь а, шех лаьцна мел онда дагалиецамаш битира цуо.
…Сой, Максиммий цхьана белхалойн юкъараIойлехь Iаш вара. Ханна сол жима велахь а, ас чул хьалха мехкадаьттан институт чекхъяьккхинера цо. Суна даима диешарна тIехь гIонакъосталла а дора цуо.  Шен ненаца Iаш вара, дай-наний дIасакъаьстинчух тера дара. Максим хьекъал долуш а, ша дан леринарг хууш а, цу Iалашоне гIиерташ а вара. Кхин дIа а кIорггера диеша лууш, Москварчу мехкадаьттан Губкинан цIарахчу институтехь аспирантуре вахара и. Наггахь Соьлжа-ГIала а вогIура, аьхка стройотрядашца ахчадаккха воьдура.
… Иза дара 1988-чу шарахь…
Иштта соьга Туркмене зIетуьйхира цуо, шаьш Малхбузен Сибреха доьлхуш ду, ша отрядан куьйгалхо а ву. Соьга а шайца вуола боху, баттахь цхьа эзар сом ахча а хир ду. Москвахь вокзалехь евзира суна и отряд: къона а, самукъане а, анддий кегий нах бу. Студенташ а, аспиранташ а бу. Гитара а, эшарш а, ниха а, къаьркъа а ду.
- ЧIогIа молуш бу, - эли ас Максиме.
- Цундела хьоьга кхайкхина ас, - воьлу иза. – Тхуна юкъахь цхьаъ мукъане а вахаза стаг хила ма виеза. И хьо ву-кх!
- Малар а, болх а, - гIайгIане вара со.
- Самагатде. Цигахь малар мер дац. Ахча а хир дац, хан а хир яц и мийла, я малар иэца меттиг а хир яц. Низам а хир ду.
Иштта нисделира ала мегар ду. Тхуна Iуналла деш яра «Главнефтегазстрой» аьлла йолу цхьаьнакхиетаралла. Тхо Томске дIакхаьчча, цигара дIа шина сохьтехь беркеманца «Медвежий» олучу юьрта охьадиссийра. Обь хин йистехь лаьтташ ю жима юрт. Ткъа и хи, дехьара берд а ца гуш, хIорд санна шуьйра ду. Iаьн тIехь кхуза богIуш цхьа некъ хила а тарло. Амма аьхка хи тIехула, я хIаваэхула бен кхуза кхочийла дац. ХIокху къакъаршкахь мехкадаьтта карийна боху. Хийистера оцу бурутухучу метте кхаццалц цхьа чакхарма хиллал бетонан некъ билла безаш ду тхо шина баттахь. Болх дукха бу, амма цунна хьажийна харж а кIезиг яц.
Тхо схьакхачаре хьоьжуш Iийначух тера дац кхузара хьал. Чохь Iан цхьа хьожа йогIу тиша, хьалха тутмакхаш Iийна, барак елла тхуна. Чуьркаш а, мозий а, царал а сов къийзоргаш а ю  шортта.
Уггаре а галдаьлларг, и некъбиллар цхьана эрмалойн бригадина тIедиллина ду. Ткъа тхо и кхузахь Iийна болу  тутмакхаш санна, хьун хьакха билгалдаьхна. Кхин болх бац боху тхоьга. И болх-м атта хир, бетон кегочул. Делахь а цунах луш йолу ял а ма ю лахара.
Тхо дуьхьалдевлира. ХIокху кIажахь мегарг зIе а яц. Москва зIетоха аьтто а бац. Максима телеграммаш яхьийти институте а, главке а. Амма  и пачхьалкхе йоха герга яхана зама яра. Цхьа хан яьлча, цигахь шаьш къастаде и гIуллакх аьлла жоп деара. Ткъа кхузахь оцу эрмалоша караIамийна, меттигера Iедал дара. Тхо  къар ца лора.  Къона, онда кегийнах бара шайн лерина хилла болх кхечарна боьхкина бохуш, резабоцуш, болх а ца беш Iаш. Кегийнах мукъа бисча хуьлуш дерг хилира тIаккха. Царна  цхьанхьара технически спирт каракхаьчнера. Цунах цхьаболчарна дIовш делира, цхьаберш хи чу бахана баланза бевлира.
Тхоьца кхо йоI яра: шиъ кхача кечбеш, цхьаъ лорйиша. Маларх а кхетта, уьш эрмалой болчу кхаьчна хиллера. Буьйсанна юккъехь царех цхьаъ едда схьа а кхаьчна, эрмалоша хьийзош, ницкъбеш бу шайна аьлла, орца даьккхира. Сой, Максиммий, кхин а масех кIант цига дIахьаьдира. Iаьржа а яра, суна алсамо  хIума а кхийтира, делахь а бехкевина милице кхаьчнарг а со вара.
Сахиллалц цхьацца кехаташ яздира участкови волчо. Чу-м ца воьллира со. Чуволла меттиг а бацара, я кхузара вада таро а яц. Гобаьккхина уьшалш а, хьун а ю.   
–Кху деношкахь хитIехула районера милици йогIур ю. Цара къастор ду хьан гIуллакх. Со воьхнера. Максима со сихха меттигерчу лоьрана тIевиги, суна йиттина хиларан тоьшалла де, аьлла. Цо а боху, районе а гIой къастаде.
- Муха? – боху оха.
- Дедда юкъа лелаш баржа ю.
- И маца хир ду? – оьгIазвоьду Максим. – кхуьнга а хьажий цхьа справка мукъане а яздехьа.
- Хьаьжна хIун до кхузахь. Могуш а, дийна а ву. Iаждаргаш? Уьш боьршачу стагехь товш ю. ХIан, дика ду. Шу Москохара нах чIогIа экаме хуьлу. Зударий къевсина цара кхузахь. Меттигера зударий а совбевлла Iаш ду тхо. Схьада хьайн паспорт.
Милцочо санна леррина сан паспорт теллира цо. Юха инзаръяьлла боху:
- Хьо Москохара вац. Нохчо ву хьо? – цуьнан бIаьргаш чохь серло гучуелира. – Зеба вевзий хьуна?
И     цIе    тхуна     дуьххьара хезаш яра.          Боккхачу ларамца яьккхира оцу зудчо и цIе.
- Шуна Зеба ца вевза тов? – цецяьлла юха а хаьттира цо.  Ша Iачуьра хьала а гIаьттина, куьзган чу а хьаьжна, хазъяла гIоьртира иза. – Бахьана дели, - ша-шега бохуш санна, - зIетухур ю. Зеба ца вогIуш Iийр вац. Шен махкахой чIогIа лоруш  ву иза. Ши шо хьалха кхуза геологаш баьхкинера шайца цхьа нохчо а волуш. Цуьнца чIогIа сакъийрира Зебас. Цуо хьо хьийзавойтур вац. Зеба – иза нийсо а, бакъо а ю. ЗIетуху ас.
Тхуна цуьнгахь цхьа зIе ю моьттура. Москва а, Соьлжа-ГIала а зIетоха мегаш. Ткъа кхузахь цхьа шира раци ю. Цхьа цIар-цIар дан йолаелира иза.
- ДогIа дан мега, - шен рацица хенан хIоттам билгалбоккху лоьро. – Амма со дIакхочур ю. Хьархарниг, Хьархарниг, хIара Медвежий ю. Муха хеза шуна? ЛадугIуш ю.
Кху чохь кхин тхоьца гIуллакх доцийла а хиъна, арадевлира тхо. Арахь цIаьххьана мох баьлла. Къилбаседехьара цхьа еза Iаьржа мархаш схьатекхира стиглахула. Шелъелира. Дарц хьовзийра. Ткъес детташ, шина сохьтехь чехкка догIа туьйхира. Цул тIаьхьа жимма серлаяьллехь а, кхоьлина а йолуш, гурахь санна дерз а долуш шийла яра. ХIара санна йолчу кIажахь, йочанехь сингаттаме хуьлу. Тхан ерриге а отряд гIайгIане яра. Кхузара цIадахча бакхахь ду, Москвара дуьйна кхуза кхаччалц и кепекаш яха даьхкина дацара, бохуш къамелаш а долийра. Шайн хьалха ваьллачу Максиме а шайн резацахиларш гойтуш, кIоршаме Iиттарш ян а буьйлабелира цхьаберш.
Низам а, къиепе а яц отрядехь, хилийта хала а ду. ХIокху балха баьхкина бац уьш. Царна тутмакхаш санна хьун хьакха ца лаьара кIеззигчу ахчанах. Уьш болх бан а, шортта ахча даккха а дагахь баьхкина кхуза. ХIара дерриг а охьа а тесна, юха цIабаха дагадеъча а, и дан ахча а дац цхьаьнгехь а. Со а чуволла мега шву.
Иштта гIийла ойланаш а еш, хийисте вахара со. ХIорда тIехь санна яккхийра тулгIенаш йолуш  буьрса ду хи. Мехкадаьтта санна Iаьржа а, дуькъа а хиета иза.
- Кху хьолехь хи тIехула цхьа а схьавагIахь тамаш бу, - букъ тIехьа аз хези суна. Меттигера лор ю-кх.
- Ас Зебига хьох лаьцна хаам бина. Цуо кхин а цхьацца дуьйцура, ткъа суна и дерриге кIордийнера. Меллаша тхешан барак чу вахара со. Хиндолчух йолчу шеконаша а, къаьстина  ца хиларо холчухIоттийнера. Мукъалло гIелвинера со. ХIокху цIаьххьана иккхинчу йочано  мозий а, чуьркаш а лаьхкина дIаяьхнера. ХIаваъ цIанделлера. Лергаюххехь зуздеш чуьркаш а йоцуш набъеш вара со. Максима самаваьккхира:
- ХьалагIатта! Зеба схьакхаьчна. Хьоьга кхойкхуш ву. Цигахь ерриге а юрт сакъоьруш ю, дезде долуш санна.
Дийнахь сарралц набйина хиллера ас. Буьйсанна цхьайтта  даьлла, амма кхузахь дийнахь санна сирла ю. Малх а анайистехь кхозуш бу, къайла а ца болуш. ЖIаьлийн гIалххий, котамийн декар бен хезаш доцчу хIокху къакъаршкахь хезаш масийтта озаца кар-кара оьцуш лоькхуш йиш ю. Суна а оцу  гонна юкъаваха дага а доуьйтуш, самукъане аьзнаш ду. Цхьана шуьйрачу ков-кертахь, бIешераш кхьаьчча баган дитташ ду. Царна юккъехь дина доккха хаза рагIу. Шуьйра стол юьзна хIоттийна шун ду. ХIара синкъерам дуьххьара бечух тера а дац. Дика вовшахтоьхна дIахьош ду хIара той.
Суна иза билгалвелира,схьагушшехь. Шен ирачу хьажарца, боккхачу мераца. Стоьлан баьрччехь Iаш вара иза. Со мила ву а хиъна, хьалагIаьттина масех гIулч йоккхуш суна дуьхьал веара иза. ЭгIаза, жимачу дегIахь, букара таьIна, ханъяьлла стаг ву иза. Цхьа ког вукхул гIеххьа боца хиларна, астагI лелха иза. Цхьа бIаьрг баьлла а ву. Аьрру куьйга тIехь цхьа нана-пIелг бен бац. Цуьнца къуьйлуш цигаьрка а ю.
- Марша вогIийла! – нохчийн маттахь маршалла хаьтти соьга. Кхин а цхьацца хIума эли. Цунна нохчий мотт ледара хуучух тера ду. И воккха а волу дела, сайн ма-хуьллу дуьхьала жоп  дала хьожу со.
- Так, - аьлла оьрсийн матта тIе а ваьлла, ша хьалха ма-хиллара къар ца лучу кепехь, тIедожоран амалехь, велахь, куралла йоцуш, мелхо а совнаха эвхьазалла гойтуш, элира цуо.
- Сан махкахочунна, вайн хьомечу хьешана ботта ма-беззара кад боттал.
Сенаш долу стака дуьззина къаьхьа хьожа йогIу  чIаьIа схьакховдийра соьга.
- Со цкъа а мелла вац, я молуш а вац, - дуьхьало йира ас.
Тийналла хIоьттира. И тийналла йохош вистхилира тхьамда.
- Ала хIума доцуш, нийса ду иза, - сацам бира цо. – Дулахь-хIета морс. Схьадал цунна морс. Хила ма-деззара. Хипалонех дина морс суна чIогIа  дукха диезаш а дара. Амма и атта хIума ца хиллера. Цара морсах буьзна схьакховдийна чами тIех боккха бара. Буха тIадам ца буьтуш дIамала безаш а бара. Хала а, атта а и кхочушдира ас.
- ХIинца охьахаа, - Зебас шена уллохь охьахаийра со. Хьалхалера синкъерам мелла лахбелла хаалора. Зеба а маларх юхаваьллера. Царна юккъахь суо цхьа хийра а хетта, суо дика ца хиета суна, дIаваха мегар дуй, аьлла, тхьамдера пурба даьккхира ас.
- Мегар ду. ДIагIо. Кхана паргIат къамел дийр ду вайша, - аьлла кевне кхаччалц со новкъаваьккхира Зебас.
Сарралц набйина волу со вижа лууш вацара. Церан синкъерам а цхьа сахьт даьлча дIабуьйхира. Лор а яра суна резайоцуш:
- Иштта а наггахь бен хуьлуш боцу синкъерам бохий ахь, - бохуш.
Сахуьлуш наб озийра суна. Юха а Максима самаваьккхи.
- ХьалагIатта, Зеба веъна.
«Уазик» чохь кIурбеш вара и. Сох бIаьрг кхетча, виела а къежна охьавоьссира. Ас нохчийн гIиллакхца маравоьллира иза.  Юха а нохчийн мотт бийца гIоьртира тхойшиъ.
- Боьха хIуманаш! ХIокху барак чохь Iийнарш а боьха тутмакхаш бара, кхечара шайна юххе а ца буьтуш болу. ХIара вовшах ца йоккхуш хIинццалц хIунда лаьтта хаьий шуна, куьйгаш бехдан  ца лууш лаьтта-кх. Ткъа Москвара стройотрядера долу шу, кху чу ховшийна!.. Уьш нислур бу. Ткъа хьо – нохчо  молуш воцуш а дика ду. Ткъа оьрсийн баня езий хьуна? Дика ду! Со а ву жимма къинойх цIанвала виезаш. Дуьло… Командир, - Максиме боху. – Хьо а схьавола тхоьца.   Оьшуш    болу   нах бовзуьйтур бу ас хьуна. Шу кхуза ахча даккха даьхкина ма ду.
Дукха гена даха диезаш а ца хиллера тхо. Гобаьккхина уьшал ма ю. Баня оцу кертал дехьа хиллера. Сой, Максиммий доггах лийчира Iаьнарца дегI а малдеш, гулъелла модаш охьайохуш. Ткъа Зебас шена тIиера бедар охьа а ца йиллира:
- Суна Iаь новкъа ю. Дог…
Цу дийнахь мегарг къамел дар а ца хилира тхойшиннан. Ша волчохь генара баьхкина хьеший боллушехь, нохчо веъна аьлла шена хезча, уьш а битина схьавеана хиллера Зеба. Кхаъ-деа сохьтехь цхьана Iийна хир вар-кх тхойшиъ. Шех лаьцна цуо кIезиг дуьйцура. Цунах лаьцна, и ша-тайпа адам ду бохуш кхечара дуьйцура. И иштта хиларан дан тоьшалла сан ду.
Тхо цу дийнахь кхин хьем боцуш геологийн лагере диехьа дехира. Цигахь цIена а, гIолехь а дара. Уггаре коьртаниг – некъ биллар тхуна тIедиллира. Тхо даккхийдеш дара, жигараллица болх бан дуьйладелира. Амма цхьаммо тхан солярка чохь долчу цистернин чIинт а кагйина, цу чуьра ягориг охьаIанийнера. Цхьана буса сахиллалц 30 тонна хиллал охьаихнера иза. Iаьнан новкъахула бен схьадохьийла яцара керланиг.  Ахча делча хи тIехула даийта йиш яра. Тхоьгахь ахча дацара.
Максим шен хирг деш, телеграммаш кхоьхьуьйтуш, сабIарзделла хьийзара. Ткъа со вара  бетон куьга киегон а мегар ду бохуш, масал гойтуш, сайна ницкъбеш. Цунах гIуллакх ца хуьлура. Отрядехь дар-дацарш а, вовшах латар нисделира. Цхьаберш лоьрана тIебаха а дийзира.
- Бахьана а даьлла, ас Зебица къамел дина, - боху лоьро. – Цо шуьга болх бен боху. Ша гIодийр ду.
Зебин цIаро а, цуьнан дашо а керла ницкъ белча санна, болх бан вуолавелира массо а. Сахиллачул тIаьхьа Iаржъяллалц болх беш къахьийгира оха. Диъ де даьлча оцу некъан доьалгIа дакъа кийча дара. Цу тIехь тхан цистерни буха дисна солярка чекхделира. Максима шина дийнахь садаIа аьлла мукъа йитира отряд.
Цхьаберш луьйчура хичохь, вукхара чIерий лоьцура. Иштта тхо Iаш, лакхара охьа эшаран мукъамехь цхьа гIовгIа хезира. Цул тIаьхьа гучуделира ханнаш вовшех а туьйсуш дина доккха бурам. Цу тIехь лаьтташ йоккха цистерна яра. Пхи-ялх стаг вара пийсакашца и бурам лелош. Иза-м ша-шаха хиэ охьадахьаш дара. Кхин а кхо стаг берда йистехула охьавогIура, дехачу машшашца и бурам бердехьа схьаийзош. Уггаре хазаниг кхин дара. Оцу цистерни тIехь Зеба вара, цунна юххехь пондар лоькхуш, вота етташ кегийнах а бара.
- Шийтта тонна солярка ду шуна, - боху Зебас. – Кхин ца карий. Диснарг шуна тIедахьар ду и охьаIанийначара.
- Уьш дIа ма бахна, хьанна хаа и болх бинарг мила ву? – эли ас.
- Гена бевр бац. Я иштаниг кхин дан, луур а дац царна. Цундела со сиха дIаваха виеза.
И буьйса-м кхузахь ерриг а юьртан самукъадоккхуш яккхира цо. Iуьйранна цунна тIаьхьа катер деара. Тхан болх марсабелира. Суна ца моьттучу кепара болх бан хууш хиллера Москохара накъостий. Юха а солярка кхачийра. Зебас рогIера совгIат дира. Юьртана дуьхьала хи юккъехь сецира мехкадаьтта лелош долу танкер. Берда йистте тIегIорта таро яцара цуьнан. Зебас далийна бурам ийшира тхуна. Цу тIерачу цистерни чу а дуттуш, хийисте даьккхина оха 30 тонна солярка.
Тхан болх чекхболуш лаьттара. И тIеиэца комисси яра хьоьжуш а, тхаьшна лун долчу ахчанах хIун харжаш йийр ю Москва дIакхаьчча, бохуш Iаш дара тхо. Зеба дага а веъна, цунна цхьа деза совгIат муха дийр ду бохург а хьахийра. Я ахча делча муха хир дара тиехьа.
Зеба гучуваланза дикка хан яьллера. Лоьро элира, Зеба дог лазадаьлла больницехь волу ши кIира ду. И волчу райцентре ваха сацам бира ас. Суна иза гена йоцуш хир ю моьттура. Ши бIе чакхарма генахь хиллера и йоккха юрт. Шира гIишло елахь а больници чохь цIена дара. Со сарахь дIакхечира. Воккхачу стага хехочо аьттехьа а ца вуьту со. Ас Зеби цIе яьккхича хийцавелира иза. Ша чувигира со. Зеба шена лерринчу палати чохь хиллера. Наб озийнера цунна. ТIетесначу кIайчу шаршун бухахь хаалора цуьнан оза, жима дегI. Со меллаша чоьхьа воллушехь, цхьа бIаьрг схьабиллира цуо. Шен мукъа куьг гIайби кIела дахийтира. Со вовза а вевзина велакъежира. Юха нохчийн мотт бийца гIоьртира.
- Кхин гар ца нислуш, шу дIагIур ду моьттура суна… Йиша!  Схьакхайкха йише… Ца оьшу, - цо ша схьабаьккхира куьйгах боьллина маха.
- Ахь хIун до? Ахь хIун до? – гучуелира лорйиша.
- Мохь ма хьиекха, - хьаьстира иза Зебас, - цул а сан бедарш схьайа.
- ХIун бедарш? Хьуна хьала гIатта ца мега.
Гучувелира ханъяьлла волу лор.
- Зеба, доьху ас. Охьавижахь.
- Сан дезде ду. Со волчу веза хьаша веъна.
- Хьо волчохь даима а хьеший бу.
- ХIан-хIан. ХIара сан махкахо ву. Нохчо! – хьажош болу пIелг ирх бахийтира цуо.
Со а гIоьртира цуьнан могашаллех лаьцна цхьаъ ала. Эрна дара. Иттех минот яьлча тхойшиъ цуьнан керта воьдуш вара. Арахь хаза дара. Мулх чубузаза белахь а, хаалора Сибрехара йоца аьхке чекхйолуш хилар. Денош дацделлера, сарахь къилбаседехьара шийла мох хьоькхура, чуьркаш а, мозий а лоьхкуш.. Адамаш а самукъадолуш, арадолий хуьлура. Шайна керташна юххехь гIенташкахь Iаш баккхийра зударий бу. Со цецволура, генара дуьйна Зеба вевзий, царах уггаре къенаниш а тIехь хьалагIовттий сий дора цуьнан.
- Зеба, хьомениг! Далла бу хастам, хьо товелла. Чуволахьа, чай мер ду вай. Цхьа дика борщ а ю…
Зеба массарна а бохург санна тIевоьдий, бехказа вуьйлу, хIинца чуван аьтто бац, веза хьаша ву со волчу  веана. Суна Зеби цIе кху юьртахь уггаре тоьллачех хир ду моьттура. Ткъа иза цхьа лаппагIа хиллера. Иза кхуьнан а доцуш, доттагIчуьн Егоран долахь хиллера. Зеба хIинца шена  тоьхна хан яьккхина  ца ваьлла. Цхьа шо гергга хан йисна-кх. ДIаса ваха бакъо йоцуш, кхузахь Iаш волу дуккха а  шераш ду. Цуьна-м паспорт а дац. ТIаьхьуо, шолгIачу дийнахь хиира суна цунах дерг.
Цу сарахь юьртахоша тIекхоьхьуш дукха даа-малар дара. Тхойшинна хьошалла деш Егор вара. Сан хеннара хила мегаш, Егор кхузара ву. Цуьнан нана кхуза хьажийна хилла суьдан кхиэло. Егор а чохьваьллина ву. Зебас гIайгIа бина шен юьртахь хан токхуш. Иштаниш дукхах берш бу кхузара нах.
Вайн Нохчичуьра хьал муха ду хаа лаьа Зебина. Кавказе а, Нохчийчу а ваха чIогIа сатуьйсуш ву иза. Цигахь ша цкъа а ца хиллехь, цуьнан хIусаман пенаш тIе летийна Кавказан лаьмнийн суьрташ ду. Тутмакхаша дечигах, аьчках, тIулгах а дина аьрзунийн суьрташ дукха ду цуьнан. Уггаре тамашийна дара царах  дукхахдерг баьпкан буьйдигах дина хилар.
Зеба кура кеп хитто гIерта, амма могашалла ледара ю.
- Егор, чудоттал вайн молха.
- Зеба, мегар дац. Лоьро аьлла. Цигаьрка уоза а мегар дац.
- Чудотта боху ас хьоьга.
Ах стакан чIаьIа дIамолу цо. Юха сан могашаллина тIера а молу. Цуо дика хIума йиъна, кIур бира, къамелаш дира.
- Зудабераш а, пондарчаш а схьакхайкхий вай? – боху.
- Ца оьшу, - элира Егора а, ас а.
- Сакъера вай! Мел къоьрур ду а ца хаьа! – Зеба цIаьххьана ирахIутту. Шен карара тапча хьала а ерзайой тхевнах яссайо цуо. – Иштта сакъоьру-кх ламанхоша!
Берриг а тхов цаца санна бу. Зеба карзахвуьйлу.
- Егор! Шун хIоттаде ала! Сакъоьрур ду вай! Даима санна! – ЦIаьххьана агIо а лаьцна охьавоьдуш вара и. Охашимма схьа а лаьцна дехьачу маьнги тIе охьавиллира и.
- Со чехка лор вало воьду, - боху Егора, - хьожухь хилахь кхуьнга.
Суна хIун дан диеза ца хаьа. Зеба бага а гIаттийна чехка садоьIуш ву. Юха садаIар жимма меттадеъна узарца пенехьа вирзи и. ХIинцций бен тидам ца хиллера сан. ХIокху хIусаман тишалла. БIе шо хьалха тутмакхаша йина гIишло, яхкаелла Iана оьхуш ю. Со хIокху хьолехь Iалур вацара. Зеба Iаш волу масийтта шо дара. ХIинца а метта веъна, маьнги тIехь охьахиъна, цецваьлла соьга а, кху чуьрчу бодане а хьаьжна, боху-кх:
- ХIай, метта веа… Хан ца кхаьчна-кх. Ас хIун дуьйцу? Хьешана хьалха? ХьалагIаттал, сакъоьрур ду вай! – ХIумма а ца хилча санна хьалагIаьтти, юха сеци. Суна цунна юха вуон хилла моьттура:
- Егор мичахь ву? Сан тапча мичахь ю? – ладоьгIна а, гIайба кIелхьара шен тапча схьа а иэцна хьаьжи цуьнга. Юха юьйлина хилла иза Егора. Цуо и деш суна а ца хааделира. Зебас шен хаьн тIе йоьллира тапча.
- Суна хIара оьшу а, кхо со кIелхьар воккхур а моьтту хьуна? ХIара сан цхьа деза совгIат ду. Мичахь ву Егор. Суна лоьраш ца оьшу. Ас хIун дуьйцу? Со волчохь веза хьаша – нохчо ву. Ткъа со малвелла. Валол.
Тхо юха комаьршачу шуьнехь ду.
 - Хьо молуш воцуш дика ду. ЯахIума мукъане а яахь. Суна жимма дотта.
- Хьуна мала мегар дац, боху.
- ХIинца мала а мегар дац, - цуо ша-шена ах стака чIаьIа а дуттий, дIамолу. Хичу йоьллина копаста а кхоллий, цигаьрка латайо. Кхин а чIогIа гIеллой, охьатаьIий олу цо: - Сан сатийсам кхочушхирболчух тера дац.
- ХIун сатийсам? – хаьтти ас.
- Сайн Даймахке, Кавказе, Нохчийчу, лаьмнашка ваха сатийсам, - пена тIерачу суьрташка гIийла хьаьжира и. Шен дагара цхьаьнга дийца чIогIа лууш хилла хир дара цунна. Юххехь со нисвеллера. ХIара сайн йозанаш ас и Зеба, и санна болу халонашка кег ца луш, турпалаллица чекхбевлла болу нохчийн дахар довзийтархьама яздеш ду. Со жимма а цу Зебех тера велахьара, цуьнан кхоллам талла а теллина, цунах лаьцна цхьа башха книга язъян декхарийлахь вара.. Соьга и далур дац. Мелла елахь а бехказло ю сан – со талламхо а, Iилманча а, яздархо а вац. Халла хене вала гIерташ, таронаш йоцуш, доьзал кхаба гIерташ схьавеъна со. Иза а ца нисделла сан.  Цхьана-шина шарахь Зебин дахар толлуш болх бан лиънера суна. Ца дира шен хеннахь. Амма кхолламо дайти. Со цомгуш хилира. Вистхилалуш вац. Яздан волавелира. ТIаккха Зеба а дагавеара. Сайгахь яздархочуьн корматалла елахьара, гайта ма-деззара Зебин дахар гойтур дара ас. Делахь хIета Зебас сайга ма-дийццара, яздийр ду ас.
… - Со Соьлжа-ГIалахь I923 шарахь дуьненчу ваьлла, - дийца волавелира Зеба. Вай нохчий лаьмнашкара охьадаьхкина бохуш чIагIдо цхьаболчара Советан Iедал тIедеъча. Мелхо а оцу Советан Iедало юха лаьмнашка а, хьехаршка а хьала лаьхкинера вай.
Революци хиларан бахьанехь Iедалан коьрте хIиттира къуй, жоьлгашший, муьжгий. Лай царна тIаьхьахIиттира, уьш къобал беш. Къоман дозалла лоруш долу чкъор хIаллакдеш, махках дохуш таIзарш дан йолаелира ВЧК. Нохчичоьнан рагI а тIекхечира. Революци хилале хьалха нохчий ахархой бара, бодане бара бохуш аьшпаш буьтту.
Масала I923 шарахь сан да, цуьнан вежарий ингалсхойн мехкадаьттан компанехь болх беш хилла, цуьнан декъашхой а болуш, шайн долахь мехкадаьттан чардакхаш а долуш. Шайн долалла ларъян гIоьртина болу уьш хIаллакбира. ТIаккха сан дедас сан наний, цуьнан кхо кIанттий ламчу, шайн дай баьхначу юьрта хьалабигира. Цига дIакхечира Советан Iедалан куьйгаш. Кулакаш ду аьлла, тхо Сибреха дахийтира. Новкъахь цомгуш а хилла кхелхира тхан къона нана. РогIерчу станцехь тхан вагонан неI схьайиллира. Шийла мох а, дарц а чухьаьдира. Чоьхьа ваьллачу шина салтичо ши ког а лаьцна, цхьа гали санна аракхоьссира сан нана. Цаьрга цхьаъ ала гIоьртинчу сан дендена тоьпан бух туьйхира мочхал а кагдеш. Сол жимах волу ши ваша воьлхура. Суна со воккхах волу дела велха эхь хиетара. ХIетахь кхоллабелла моьтту суна сайн дагчохь майра а, ницкъ болуш а хилла, сайн нанна динарг дIадиекха болу лаам.
Тхо Джезказгане кхечира. Аьчкан комбинатан белхалойн баракаш чу кхиссира тхо. Чохь боьха а яра, къийзоргаш дукха яра. Денда 70 кхоччуш воккха велахь, болх бан биезаш вара. Тхо кхаба диезаш а вара и, цуьнга и болх бен бохуш кхайкхам беш цхьа парти а яра. Юьхьанца и Iаьржа белхало вара. Цунах къа а хетта, ханна воккха хиларна вахтёр хIоттийра иза. И болх хала бацахь а, кхаа дийнахь-бусий заводехь вара иза. Цхьа де-буьйса цIахь набъеш доккхура цо. Ткъа тхо тхешан лаамехь, урамехь дара, со воккхахверг а волуш. ХIетахь бераш баккхийчарах тарлуш, чIогIа вовшах лиетара. Цхьана кертарниш вукху кертарчаьрца, цхьана урамерниш – кхечу урамерчарах, оьрсий   кхечу къомах болчарах лиетара. ХIора дийнахь бохург санна чIогIа къиза лиетарш хуьлура. Со жима волуш дуьйна аьрха а, къиза а вара, толам боккхуш а вара. Сайн хенарчарна йиттина ца Iаш, сайл баккхийчарна чIогIа еттара аса. Шиъ-кхоъ хилча а эшавора. ТIаккха ворхIаммо кIело йира суна. Царех шингахь аьчкаш яра. Жимах волчу шина вешина буьйсанна карийна  хиллера со. Такхийна барак чу схьавеънера цара. Сан къеначу, цомгуш волчу дендас лоьраш а, милици а кхайкхина дагадогIу суна.
Милицино, массо а бераш вовшех леташ ду, шайн дан хIума дац элира. Лоьраша дийна вуьсуш ву, амма велла дIаваллалц заьIапхо хир ву элира. Суна дан гIо доцуш, холчохь вара сан денда. Цуьнан бIаьрхиш гора суна. Амма дуьненчохь дика адамаш а ду. Тхуна гена воцуш Iаш цхьа тамаше воккха стаг – кореец вара. Iай а, аьхка а воьдий гIодаюккъе кхаччалц верзина а волий, цхьа хелхарш дора цуо. Суна йиттина долу бераш а цуо лаьхкина хиллера. И тIе ца кхаьчнехь цара со вийна хила а мегара.
Цхьана дийнахь тхо долчу чу а веъна, соьга тIера бедарш охьа яхийтина, сан дегIах дай куьг хьиекха волавелира иза. Арарчу шелонгара чу веънехь а, цуьнан куьйгаш довха дара.
- Дика кIант ву хIара, - элира цуо. – Онда ницкъ а, аьрхалла а, самурайн амал а ю. Цигара вада йиш яра. Вада а виезара. Амма хIара юха ца велира. Юха ваьллехь дика хир дара. ХIара когаш тIе хIотто хьожур ву со. Цхьанна ца гойтуш, буьйсанна со волчу дIавахьа виеза хIара.
ТIаьхьо хиира: сан букъсурт а лазийна, ши пIенда а бойна, кийра а лазийна. Къеначу корейцо юьхьанца кхин къаьсттина деш хIума дацара. Дийнахь кхузза аркъал Iуьллучуьра бертал верзавора цуо со, юха агIонна тIехь  Iуьллуьйтура. ПIелгашца меллаша хьуьйра сан дегIан меженаш а, даима а мийлош цхьа къаьхьо-мерза а долуш молха дара. Цуо дика набкхоьтуьйтура суна, лазар дайдеш.
КхозлагIчу дийнахь соьга хьажа сан денда веъча корейцо цIаьххьана элира соьга:
- ХьалагIаттал цкъа… ХIан, сихха хьалагIатта. Ма кхиера. Хьо стешха ма вац, хьо бIаьхо.
Со халла хьалагIаьттира.
- Иштта. Дика кIант ву! ХIинца лиела Iемар ву хьо. Кхин дIадерг хьоьх а, хьан доьналлех а доьзна ду.
Ши кIира даьлча дендас а, шина вашас а гIо а деш сайн боларца тхешан барак чу веара со. Делахь со холчохь вара, когаша а аьлларг ца дора. Юха а гучувелира къена кореец.
- ХIинца хьо могуш ву, ала мегар ду. Метта хIуттуш ву хьо. Хьо къона а ву, дегI болх бан долалур ду. Жимма сеттина хилар дуьсур ду. И ца хилийта, хIинца лазар лахделлачара, цхьацца леррина йолу упражненеш ян диеза. Лаьий хьуна? Соьца вогIий хьо?
- Дера вогIу, - сан меттана жоп делира дендас.
Юьхьанца чIогIа хала а, сингаттаме хийтира суна. Хелхавуьйлуш санна цуо лелошдерг беламе а хиетара, соьга и дан ца лора цуо санна. Корейцо гайтина ца Iаш, соьца даима а къамелаш дора, ша лелориг дахаран исбаьхьалла ю бохуш, говзалла ю бохуш. Гондахьарчу Iаламца йолу хьан дегIан а, син а цIена уьйраш. Халонех а, чолхечу, къизачу хиламах чекхвала гIо деш болу гIирс бу ша лелориг, олура цо. Сан хиндерг шена гуш санна, оцу халонашца къийса кечвира цуо. Кхо бутт баьлча, со ши ког дIаса а бахийтина охьахиъча цо элира:
- Хьо хIинца меттахIоьттина. Хьалха хиллачул а каде а, онда а ву хьо. Хьайна хаалой хьуна и?
- Хаало, - элира ас. Сан гIодаюкъ хIинца болат санна чIагIъеллера.
- Оцу берашна бекхам бан лууш вуй хьо?
- Дера ву.
- Иза вон ду. Дика Iамийна ца хилла аса хьо. Вочу нахах ларвала виеза хьо.
- КъинтIера муха вер ву царна? Массарна хууш ма ду суна тIехь динарг.
- КъинтIера вала хьо. Царна хьакъ дерг хир ду хьуна, хьо юкъахь воцуш а. Ткъа хьо юха а ца хьоьжуш хьалхахьа дIаваха виеза. Дика диеша диеза, пайдехь дерг Iамо диеза. Дуккха а лан а ловш, тергал а ца деш, кIадбоцчунна хьан ницкъ а, хан а ца йойъуш. Дахар и чолхе некъ бу, кIезигчу хIуманашна тIехь ца соьцуш дIагIо.
- ТIехвала йиш йоцуш цхьа боьха хIума дуьхьал ялахь?
- Коьртаниг – синтем, собар, хьекъал. Боьхачу хIуманах хьакхалой хьайн куьйгаш ца бехдеш, тIехвала.
Дагалиецам а, эхь а.
- Нагахь санна…
- Уггаре хьан сийлахь-дезаниг бехдан гIортахь…тIаккха… Цундела Iамош ду-кх вай дахаран Iилма, дахар иза къийсам буйла хуъушехь. Къийсамо, латаро – вуон кхуллу. Иштта  галморзахаллаш ю-кх кху дуьненчохь. Амма дахаран маьIна – Дела волчохь, ткъа иза массанхьа а ву, дикано, нийсоно, машаро а, бакъдолчо а толам боккхур бу! И ду-кх хьан хьайца а, гонаха долчу дуьненца долу оьздахилар а, синтем а.
Ишттачу хьолехь кхуьуш вара со. Меца а, къен а, шийла а дара сан бералла. Тхо санна хала Iаш-м дукха нах бара. Нагахь санна тхан къеначу дендас къахьоьгуш, рицкъа лохуш ца хиллехьара, тхо а дийна дисна хир дацара. Иштта вара сан хьиехархо къена кореец а. Цо даима а олура, шен хаарш а, зеделларг а схьадала кхолламо со шиена хьажийна олий.
- Хьайн дахарехь уггаре ирсе мур муьлха бара, - аьлла цхьаммо хаьттира, бохура Зебас. – ХIетахьлера цхьа шой ах шой дара, тхо даима а меца хиллехь а.
Сайн пхийтта  шо кхаьчча, буса деша а доьшуш, шахте балха хIоьттира со. Сайн хьиехархо ас дIатесна бохург дац и. Мелхо а, хIора Iуьйранна кореец волчу сихлора со. Цуьнца цхьаьна гIалин йисте уьдура. Цигахь сайн дегIехь дерг  хаьара, суо а, сайн дуьне,  дерриге а Iаламан цхьа дакъалг санна хиетара.
Оцу чехка уьдучу сахьташкахь, гонахара дуьне буьрса делахь а, суо ирсе хиетара. Суна юххехь сан уггаре а хьоме адам – сан денда, сан хьиехархо – кореец, сан жимах волу хьоме а, дукха виезаш а волу ши ваша вара. И шиъ Iалашван ницкъ ца кхечира сан. Дендега дош деллера Iалашвийр ву аьлла. Цундела а цкъа хаьттира сан хьиехархочуьнга:
- Сайн жимах болу вежарий схьабало мегий ас?
- Дера мега. Оьшу. Суна чIогIа лаьа сайн хуург а, зеделларг а дIадала. Законо дихкина ду иза. Хьуна хьиеха а кхераме ду. Хьуна айса дарба лиеладо бохуш дуьйцу ас хаьттинчуьнга. И дан кхиераме ду. Ца могуьйту.
- ХIунда? – цецвуьйлура со.
- Ца хаьа, велакъежа сан хьиехархо. – Iедал ду-кх иштта. Лайх хилла элий бу. Муьлххачу а меттигера элана моьтту ша паччахь ву, важа долу халкъ ша бохург дан дезаш ду. Ткъа вайшиъ кхуза схьахьажийна, цхьа а бакъо йоцуш ву. ХIетте а маьршачу дахаран маьIна гойтуш йолу, кунг-фу Iамош ву. Ткъа кхузахь маршо ца йиеза. Делахь а, хьо хьайн дагахь маьрша хила виеза, маршоне кхийда а виеза. Хьо хIинца а къона ву, кхиетар вац, - доккха садаьккхира цо. – Со-м дуьне диъна ваьллера. Шуна хала хир ду, хIокху боданечу хьаькмашца даха. Садетта, къамелаш а ма де… Хала а, къиза а зама ю тIегIерташ.
Дендас а цунах терра къамел дира:
- Оцу корейцаца ахь лиелориг дита диеза. Цхьацца хабарш ду хезаш.
- ХIун хабарш?
- И немцойн хьаяр* ву боху.
- Иза немцо ма вац, кореец ву.
- И бен а дац, - шабарш дора дендас. – Царна цIетиллар ду коьртаниг. Вай кулакаш ду ма элира. Суна и дош хезна а дацара. Кхин и кореец волчу мо гIолахь. Нагахь хьайга хаттахь, дарба лиелош вара, кхин хIуммаъ ца хаьа хьайна ала. Кхетий хьо?
- Кхиета, - элира ас.
Амма шолгIачу Iуьйранна, сахилале ведда тхешан метте вахара со. Цигахь сайн хьиехархочуьнца сайна тIехь болх беш, сайн могашалла тоеш, полла санна дегI дайделла, хелха вуьйлуш хьийзара со. Цуо цхьана кхечу ирсечу дуьнене вуьгура со. Кореец цхьа а хьаяр воцийла а хаьара суна.
ХIинццалц ша даима хуьлуш хиллачу меттехь вацара иза. Со воьхнера. Суна цхьа шийла хьацар туьйхира. Сан кхиетам а дохк хIоьттича санна бара. Со кху къизачу дуьненахь а витна, сан хьиехархо дIавахнера. Цунна баркалла ала а ца кхиира со. И вехачу хIусаме дIахьаьдира со. Сахуьлуш лаьттара, тийналла яра. НеIарехь кхозуш догIа а дацара, цхьа саттийна хьостам бара. Дерригенах а кхетта со юхавелира.
- ХIун деш ву хьо цигахь? – луларчу тишачу кертал дехьа гуш зудчуьн юьхь ю. – Хьо а хьаяр хир ву? – Мохь туьйхира цо. – Хьан кореец хьаяр хилла-кх. Вада гIоьртина, вокзалехь схьалаьцна иза.
Вист ца хуьлуш тхешан бараке ведира со. Денда пешахь цIе латош вара. Резавоцуш соьга а хьаьжна, элира цо:
- И кореец волчу ма лиела аьллера ас хьоьга. Цунна а, хьуна а сингаттам бала мега.
- Дада, - сайна хезнарг дIадийцира ас. Воьхна хьаьвзира сан денда.
- Сиха кечам бе. Хьун хьоькхучу метте дIавохуьйтур ву ас хьо.
И хIун ду мелла а хезнера суна. Цхьа хала болх хир буйла а хаара. Хьо хан тоьхна чувоьллина вацахь, тутмакхашца цхьаьна Iаьнна дечиг кечдан диезара. Со цига вига гIерташ а бара, делахь дендас ша могуш воцуш, балхара мукъавита, доьзал кхаба диезаш хIара кхиазхо бен адам а дац, аьлла цIахь витнера со. Ткъа хIинца шина баттана хьуьна юккъе со дIахьажош вара иза. Шина дийнахь-бусий, сецарш дукха хиларна аьчкан новкъахула дIакхечира тхо цхьа набахти йолчу. Моьттур дара, цигахула цхьа онда мох-дарц хьовзийна. Охьаетта хьун а, нехаш а, хIаллакдеш Iалам а. Адамашца а иштта юкъаметтигаш  яра. Хьалхарчу шина дийнахь цара юург ца луш, тхаьш цIера дIаяьхьначух тоам беш  Iийра тхо. Дендас цхьа бепиг а, шекаран гIорза а, сирникан батта чохь дилха даьтта, ши хох беллера суна. Дийнахь сарралц хьуьнхахь дара тхо. Цхьадика и денош гуьйре хиларе терра доца дара. Тхешан вагонаш йолчу схьакхаьчча, хIума кхаллий, охьадийшан бен гIора дацара. Кхача а ледара бара. Хударрий, чай ду бохуш  - цхьа букъарш. Сахиллалц набъян йиш яра – шийтта-кхойтта сохьтехь. Амма оцу шелонехь наб муха кхиетар ю? Вагонан юккъехь йогуш цхьа пеш яра, йовхо луш-м яцара.
Адамаш цомгуш хуьлура. Шиъ велира. Лоьраш а, молханаш а дацара. Ткъа вагон хаьржина  дечиг кечдан диезаш дара тхо. Тхох цхьаберш-м тутмакхех  хьоьгуш а бара. Церан техника а, дика кхача, тхайчул йовха баракаш а яра. Со-м ца хьоьгура царех. Тхуна тIехьажийна тоьпаш а яцара, мелла а маьрша а дара тхо. Оцу маршоно ницкъ луш, суо Iалашвеш санна а хиеталора. Даиманна а дуьйлина сахьт санна хIора Iуьйранна 5 сахьт ах сахт даьлча, массо а вижина Iуьллушехь, водий цхьана цIеначу ирзу тIе а воьдий, гIороза долчу шовданна юххехь, цуьнан гIийлачу гIовгIане ладоьгIуш, сайна хьиехархочо Iамийнарг карладаккха вуолалора со. Оцу балхо собарх а, доьналлех а, хьуьнарх дузура сан дегI а, са а.
Дендас аьллера соьга, балхана мало ца еш, каде хила хьажа, кхечарал дика а, алсам бан а хьажа. Яхь дIа ма ло. Цундела делахь а, со массарел жима волушшехь, кIира далале сох бригадир вира. Со-м ларавора, делахь а массарел а жима ву бохуш, вагонан сонехь вуьжуш вара со. Цигахь шийла хилла ца Iаш, херонашкахула чекхбуьйлура мох. Таккха а денда дагавогIура суна. Цо олура:
- ХIара хIун мохк бу? Кхузахь аьхкан тIехь а шийла ма хуьлу. Доцца аьлча – Сибрех ю-кх. Маржа яI! Валале цкъа Кавказе, ДегIастане кхача йишъелхьара. Цигахь вала а, цигахь, Даймахкахь, сайн каш хила а ирс делар-кх!
Хьалха  тидаме ца оьцуш хилла долу и дешнаш кест-кеста дагаоьхура суна. ХIара хала ши бутт чекхбаьлча, Керла шо тIекхочуш, тхо цIа дуьгур ду. Денден сибат, чIогIа гIийла сибат дуьхьалтуьйсуш, даго вониг хьоьхуш, цигара вада лууш, хала садеттара ас. Тхо дIадига еанчу цIермашенан машиниста со юьстах а ваьккхина элира соьга:
- Хьан денда лаьцна чувоьллина.
- ХIун бахьана долуш! – мохь белира соьга. Суна а, кхечу нахана  хууш ма дацара «1937 шо» боху дешнаш юкъадевлийла. И къиза шо чекхдала ши де дисча тхо цIа далийра. Арахь дарц, гIура 40 градус хир йолуш. Иштта гIорийна сан кийра а бу. Кхузахь  схьаяла йиеза белхан алапа ду бохуш цхьа нахарташ ю. Суо бригадир ву аьлла, массарел хьалха и кепекаш схьаэцна бараке хьаьдира со. Чу а кхачале, лулахойх бIаьрг ма кхийтти хиира суна. Гучуваьллачу шина вашас воьлхуш эли:
- Дада набахтехь велла боху.
- Маца?
- Стомара хиира тхуна. Тхо берийн цIийне дIадала гIерташ бара. Оха тхан верас хьо ву аьлла.
… Цул тIаьхьа  ах бIешо хан яьлла, - кхин дIа а дуьйцура Зебас. – ХIинца-м дика хаьа суна, сайн хьиехархочо ма-аллара, собаре хилла, оцу къизачу заманах чекхвала хьажа виезаш хиллера. Соьга ца далора иза. Сайн дендас ма-хьиеххара, сий лардан араваьллера. Ткъа сан хьиехархо кIелхьараваьккхирий цуьнан Iилмано? ТIепаза, тIаьхье а йоцуш хIаллакьхилира  иза.  Сан денда а дIавелира. Ткъа ас сайн денден тIаьхьено а, оцу корейцан дешархочо а ший а Iилма сайна чухуьйдира. Дайх дисна гIиллакхаш лардеш, яхь дIа ца луш, къарцавалар дара дендас хьиехна коьртаниг. Ткъа сан хьиехархо ца хиллехь, соьга хIун далур дара. Цуьнан дарсаша беллера суна ницкъ а, гIора а. Цара со хьийза а вора, делахь а кIелхьара а воккхура.
… Сан пхийтта шо бен дацара. Ас дийриг синхаамца, нийсоне гIертарца а, биекхам барца доьзна дара. Суна айса юьхьарлаьцна тIаьхье тIом буйла а ца хаьара. Цундела уггаре а хьалха ас ведда  туькана вахана, вежаршна шортта юург ийцира. Буха дисна ахча цу шинга дIаделира.
- Со юха вагIахь а, я ца вагIахь а, велха ма велхалаш. Бертахь  Iиелаш, вайн дайн ламасташ лардиелаш. Кхеттий шуьшиъ?
… Массо а  хьукуматаш эвла юккъехь ю. Цигахь керла шо тIекхочуш хиларе терра, сирла ю. Гуш адамаш дац. Дарц ду, гIура а, мох а дегIах чекхбуьйлу. ДIаваха а хала ду. Суна-м мича ваха виеза а ца хаьа. Суна орцах ваьлча санна, хIокху йочанца къуьйсу кеп а хIиттош, лаьтташ цхьа онда, верстина стаг ву. Цуьнан чоа даьржина ду, мохо ловзош, китель а нодарчий дIатасанза яьржина ю, гIура хаалуш а вац-кх иза.
- Накъост, хIай накъост, - боху ас цуьнга. – Кхузахь набахти, я милици мичахь ю?
- Хьуна хIунда оьшу? – стоммачу озаца эли цуо. Легашка шад хIоьттина, велхаран къурдаш а сиецош боху ас:
- Цигахь сан денда велла боху.
- Денда? – хоьтту цуо. Цунах схьаеттало къаьркъанан а, кхечу хьеначу кIочу хIуманан хьожа. – Фамили хIун ю цуьнан?
- Дадуев.
- Дадуев? Ткъа хьо цуьнан кIентан кIант ву-кх, - со волчу агIора цхьа гIулч а йоккхуш шен доккхачу куьйгаца лаза а еш, сан пхьаьрсан гуола къевлира цуо. – Валол цкъа. – ЗIара санна вакъавелла волу со, кхин а чIогIа схьалоцуш, шена а тIеозийра цо. Эццахь сайн хьиехархочо Iамийнарг дагадеара суна. Цуьнан карара а ваьлла, суо вадалур вуйла  хаьара суна. Мичхьа водур ву? Вежарий болчу бараке! Со суо веъна кхуза схьа. Юххерчу цхьана гIишлочу вигира со. Цу чохь а чалтарш*  ю.  «Нисло!» - омра хеза. ХIинца-м хIокху хьаькамо дIахоьцур вара со, аьлла дагадеара суна… Аьттехьа дацара.
- Ши куьг тIехьа дахийта! – гIоьмаш ца йоьхкинехь, цхьана боьхачу подвал чу а воссийна, йоккха неI схьа а йиллина, со цу чу а теттина и неI тIе а къевлина, чувоьллира со. ХIетахь дуьйна чувоьллина ву-кх со, - жимма гIийла ойла а йина, кхин дIа а дуьйцура Зебас.
- Цхьана эха сохьтехь со суо вара оцу чохь. Стол, стогар, хи чохь графин, стака, шекъачудуттург а, ручка а, гIант а. Бодане, тIуьна, шийла жимо чоь яра и. Со цхьана гIанта тIе охьахиира. Чохь хIаваъ ца тоьура. Хьацаран а, цIийн а хьожа яра. Лакха тхов кIелахь гуш  чалтарш тоьхна жима ши кор. И шиъ мича хьоьжуш ду а ца хаьа.
ГIелвелла а, дера а вара  чоьхьаваьлларг. ТIехь чоа доцуш, охьакхозуш тIингар а йолуш ву и. Халла  садоьIу, кхин тIе малар меллачух тера а ду. БIаьргаш цIийделла цуьнан.
- ХьалагIаьттина дика ду. ПаргIатвала ца оьшу. Вало хьуьлла соне дIахIотта.
Вазвелла гIанта охьахиира иза. Стоьлан тIера стогар хьалалатийра. Стака дуьззина хи дIа а мелла, кIелдIашхула соьга хьоьжуш хоьтту цуо:
- Шу бахьана долуш, дезде дезде дац… Дадуевн кIента кIант ву боху ахь? Кхуза хIунда вогIура хьо?
- ХIунда вогIура? Сайн дендена гIо лаца, веллачул тIаьхьа мукъане цунна ларам бан, и волла ма-веззара дIаволла гIайгIа бан. Лечкъор дац ас, вежарий а битина, схьавогIуш сайн цхьалла а, гIорасизалла а хааелла воьлхура со. Оцу дорцехь суо цхьанна а ца гуш дика а хиеташ, доггах воьлхура со. Юха а дорцехула гира суна сайн денден буьрса сибат. Цуьнан аз а хезира:
- Хьо къонах ву. Воккхахверг а ву. Жоьпалла хьоьгахь ду. ЧIикъ ма баккхалахь. Цо ян гIоле яц… Хьо нохчо хилар диц ма де! ИракарахIотта!
Со богIам санна сецира. Дуьххьара хааделира суна вота етташ санна сайн лергъяххашкахь деттало цIийн пхенаш, кIесаркIаг а теIаш санна, хала садоьIуш, хIуо ца тоьуш вара со. Юха сайн хьиехархо хIора дарс дIадолош, изза дешнаш олуш хилар дагадеара суна.
- ХIан, иштта хьайн дегIан доладе. Айхьа тергое массо а хIуманна. Коьртаниг – садиеIар ду. Меллаша а, паргIат а и. Айхьа чуузучу хIонан хIора къурдан марзонах кхиета хьажа.
Со иштта дог-ойла гIаьттина, и дарц делахь а, дахаран марзо евзаш вара. Сан кийрахь хьийзаш а изза дарц дара. Сайх бIобулуш а вара со. Амма хIокху хьожайогIучу, готтачу беапенаюккъе нисвелча, вуьйхира, малвелира со.
- ХIунда вогIура хьо кхуза? – юха а мохь хьаькхира хьаькамо.
- Сан денда чу хIунда воьллина? – гIийла аз делира сан кийрара.
- Хьан денда Iедалан дуьхьал вара! – бохура цуо.
- Тхо а, тхан Iедал ца дезара цунна. Иштта дарий и? Хьо жима ма вац. Хьуна и хаьа, - велакъажа гIоьртира иза.
- Ткъа хьо къона советски тIаьхьие ю. Схьавеъна дика ду. ХIунда веана хьо?
- Сан денда валаран бахьана хIун ду?
- ХIунда велла? – цецвелира хьаькам. – Велла-кх, хье-хье, хьо тиешар вац-кх, цхьаммо а цунах пIелг ца Iоьттинера, аьлча. Ша велла-кх. ХIинца хьо лаьттачохь, нисвина дIахIоттийнера ас иза, халкъан мостагI санна меттах ца волуш латталахь аьлла. Юххе гIарол а хIоттийна, охьа а ма хаийталахь хIара аьлла. ШолгIачу Iуьйранна со схьавеъча, лаьтташ ву-кх, верриг а бехвелла. Хьожа ю. Ткъа со кху чохь болх бан безаш ма ву. ЦIанъе боху ас хIара чоь. Муха? Мотт хьоькхуш цIанъе, яа. Юур яц? Ткъа иза иэгош ву, кIайчу можан тIехула охьаоьхуш бIаьрхиш ду, бетах чопа оьху. Мерах цIий доладели. Лоьре кхайкхи со. Ша вели-кх. Кхин мел ваха виезара и?
Оцу дерригене ладоьгIуш лаьтта со а иэгош хилла хи рву. Воьлхуш а вара. Ткъа хьаькамо боху:
- Ткъа хьо тхан керла, къона чкъор ду. Тхан хиндерг – схьавеъна дика ду. Тхуна болх бийр бу ахь. Ца бахь, хьайн хиндерг хаьа-кх хьуна. Кхетий хьо? Милла велахь а, халкъан мостагI – мостагI ву. Цунах вай массо а кхиеташ ду. Уггаре а хьалха шу – комсомольцаш. Хьо комсомолехь вуй? ТIаккха! МостагIашца къинхиетам боцуш хила виеза хьо… ХIокху кехат тIе куьг а яздай, дIагIо. Керла шо ду. Дезденош чекхдевлча схьавола. Болх дукха бу вайн.
- Денда дIаволла мегар дуй? – иккхи сан. – Ша Даймахкахь, Кавказехь дIаволларе сатуьйсуш вара иза.
Сайн бIаьргаш хих буьзна боллушехь, гира суна цуьнан инзарваьлла хийцаелла юьхь. Ша Iаччохь аркъалсеттира иза.
- Шу тамашийна халкъ ду! Мила дIаволла? ЦIергахь вогуш ву иза. ХIара йовхо мичара ю моьтту хьуна? – иза сахьт тIе хьаьжира. – ЦIахь соьга хьоьжуш хьеший бу, ткъа со кхузахь хьо бахьанехь, - шена кIелхьара гIант дIа а кхуссуш, хьалагIаьттира иза. Юьхь тIехь оьгIазло. – Чехка куьг а яздай яхийта кхузара, со оьгIаз а ца вохуьйтуш. ТIаьхьа болх ахь гечдийр ду ас хьуна.
- ХIуманна куьг а яздийр дац, я хьуна болх а бийр бац ас!
- ХIан?! Хьакхийн херси, зуьдан кIеза, - маьттаза мотт буьйцуш, воккха а, дера а суна тIегIоьртира иза. Со чIогIа кхеравелла, иэгош вара. Ткъа цо шен доккхачу куьйгаца сан эгIаза ворта а лаьцна стоьлан тIе озийра со.
- Куьг язде, хьан нанна…
ХIетталц стешха хиллехь, сайн гIоьлалла хууш, кегийчу вежарийна сагатдеш, дерриге а ловш, садетташ, гондахьарчу хьоле хьаьжжина, малвелла со хиллехь а. Амма сан нана хьахийча, сан декъаза миска-нана, сан цунах дагчохь болу беза-сийлахь дагалиецам емалбича, хьиехархочо суна делларг самаделира. Берриге хьан ницкъ, хьан кийрахь бу! Большевикийн Iедало таIийна лаьттина, дуьйлина Iад санна хецабелира сан ницкъ, цхьамза санна араиккхира.
И хьаькам цецвоккхуш, цуьнан карара ваьлла, со лаьттинчу соне дIакхоссавелира со. Ткъа иза кхиа чIогIа оьгIазвахна, карзахвелира. Шен доккхачу дегIаца суна чухахкавелира иза. Иштта каде и хир ву а ца моьттура суна. Цуо суна ластийна болу буй со тIахъаьлла хьовзар бахьана долуш, сан мочхалах ца кхиеташ вортанах хьакхабелира. Со дIакхоьссира, охьа ца кхийтира, мелхо а латаран кепехь дуьхьал вирзина дIахIоьттира со.
Со жимма тентакваьккхинехь а, оцу тохаро сан кхиетам метта балош даимана санна сан бIаьрхиш дIалохкуш, сан хьажар цIандира.
- Хьо боьха хIума! – шена цхьаммо дуьхьало ян Iемина воцу хьаькам карзахваьллера. ШолгIачу тохарх атта кIелхьаравелира со. Хуьлуш лаьттачух ца кхиеташ, халла садоьIуш цIийвеллера иза. – Садукъдийр ду аса хьан! – аьлла, шен берриг а цабиезам а, ницкъ а бахьаш юха суна чукхоссавелира иза. Ткъа со жима а, тIахъаьлла а, каде а волуш сайна хьиехархочо Iамийнарг дагадоуьйтуш, жимма дIатаьIий, юххехула тIехъэккхаш волчу мостагIна «гIодеш» и дIатоттуш ву. Жимма цуьнан пхьаьрсаха а, букъах а куьг тухий дIалоллу и. Воьдий со лаьттинчу сонах дIакхиета иза шен дегIан йозаллица пенах корта а тухуш. Юха схьавоьрзий, экхано санна мохь хьокху. ХIинца цуьнан караводахь сан садукъдийр долуш ву и. И айса цунна тоьхна буй, ас эзарза Iамийна бара. Амма адамна дуьххьара туьйхира. Адамна аьлча а, адаман сибатехь долчу оцу шайтIанна. Ткъа цуьнгахь шайтIанан ницкъ бу. Охьа ца вуьйжи иза. Гора хIоьттина лаьтташ ву, узарш деш. ХIинца цуьнан багара чопа а, цIий а доладелира. Цуьнан бIаьргаш оцу шена дукхабезачу соне хьоьжуш бара. Шен даккхийрачу куьйгашца оцу сонах тийсалуш хьалагIатта гIиерта и. ГIатта а тарлора. Амма сан кхин цхьа тохар а ду – сайн эткан бухьиг цуьнан лергаюххе туоха. Дассаделла гали санна ваьржина охьавуьйжира иза. Ветталуш, бехвелла вуон хьожа яьккхира цуо цу чохь. Лергах а, бетах а цIий доладелира. Кху камери чохь хийланнах хилларг хилира цунах а.
- Хаьий хьуна, - кхин дIа а дуьйцура Зебас. – ХIетахь суна чIогIа лаьара ведда цIа а вахана, сайн ши ваша маракъовла. Амма со и дан а ца гIоьртира. Царна сайх сингаттам баларна кхоьрура. Цхьа ахсахьт даьлча, шайн хьаькам хIун деш ву аьлла чухьаьжира милицин белхахой. Сайна дендас ма-хьиеххара доIа деш Iаш вара со. Сайн денда а, дай, наний, вежарий а Деле боьхуш, царах къинхиетам бар доьхуш доIа дора ас. Сол тIаьхьа со Деле виеха стаг хир воцийла хIетахь хууш а вара со. Оцу набахтин неIарш валлалц сайна дIакъевлина хир юй а хаьара суна.
… Цул тIаьхьа 50 шо даьлла, амма аьлча бакъ ца хиета. Юьхьанца набахти чохь йоккху хан чIогIа яхло. И чекх а яьлла хьуо араваларе сатуьйсу ахь. Со ара ца велира. Кхин хенаш тIееттара суна, со юха ца волуш, къар ца луш, сайн амалехь хиларна. Сайн хьиехархочо Iамийнарг дара сан герз. Амма коьртаниг, сайн дендас, шен дахаран масаллица суна чудиллина  нохчаллин гIиллакх дара. Сайн зеделларг ас цхьанне а дIалур дац. Со декъаза а, цхьа стаг ву, суна тIехь хедаш ду тхан гара. Ишттачу ойланашца ваха а, вала а хала ду.
Тахана со цхьа ву. Амма сан шортта доттагIий бу, мостагIий а кIезиг бац. Со вевзачара массара а суо лорий а хаьа суна. Юьхьанца дуьйна лору. ХIетахь со оцу камери чохь доIа деш Iачу хенахь чубаьхкинчара йиттина суо вуьйр ву  моьттуш вара со. Цара сох пIелг а ца Iоьттира. Кху дуьненчохь дукхах долу адамаш догдика а, цIена а ду. И шайн хьаькам – чалтач бIаьргаван  виезаш бацара уьш. Ткъа ас  кхиазхочо динарг. Массарна а ша дерриг хууш дара. Ткъа со кхиазхо ву. Ас яздира, хьаькам оцу буса вехна а вара, суна  туоха чухьаьддачохь ког а шершина, охьакхиеташ стоьлан маьIигах лергаюх а кхетта велла. Декъаза буохам. Делахь а, дуьхьало ярна со а бехке вира – I0 шо. Иза а, хиетарехь, урамашкарчу пенаш тIехь «Зеба – турпалхо» аьлла цхьаммо яздар бахьана долуш. Ткъа Iедал сийсаздар магош дац. Хан йогIу!
Юьхьанца кегийрхойн колонехь вара со. Цул тIаьхьа уран доккхучу шахте хьажийра. ХIетахь тхуна и мел кхиераме болх буйла ца хаьара. Адамаш цомгуш хуьлура, баларш дукха дара. Ткъа со къона а, онда а хиларе терра, хIора Iуьйранна сайна хьиехархочо Iамийна дарсаш кхочушдеш вара. Сан коьрта Iалашо, арахь волчу шина вешина гIодар яра. Ши шо далале сан и дан таро а хуьлура. Со цкъа а вацара къуйн могIарехь, уьш биезаш а вацара. Цкъа цхьана хенахь суна а цIе тиллинехь а, къу хилла вац со. И дош дезна вац. Жима волуш, лулахойн ах гали картолаш лачкъийра ас. Денда шена и гучудаьлча и картолаш айса схьаиэцна дIаяхьийтира соьга, цул тIаьхьа сан куьйгашна сара биттира. ХIетахь дуьйна хIума ца лачкъорал совнаха, оцу къуйх вешаш а вац со. Уьш берриге мотт бетташ, айкхаш ма бу. Дендас со болх бан Iамийнера, болх бина ца Iаш, кхечарчул дика а, алсам болх бан а. Иштта цу зонехь вара со. Iаьржа болх бар дацара и. И болх вовшахтуоха а, масал гайта а, оьшучохь кхечаьрга и байта а хаара суна.
ТIом белира. И массарна кхечира. Со санна берш а ийшира цу тIамехь. Кургански областера къилбаседе Мурманске дIавигира со. Цигара а дIа Рыбачий олучу ахгIайрен тIе. Цул дехьа ерг Къилбаседан Шабиллина  Iапказ* яра.
Немцоша хIорда чукхиссина дукха минаш ю хитIехула лиелаш. Тхуна уьш зеназаяр тIедиллинера. Хинкеман тIехь минина улло доьлхуш цуьнан цIетуху схьахьовзо йиезара. Цул тIаьхьа и мина а, цIетуха а берда йисте схьаян йиезара. ЧIогIа хала гIуллакх дара и. Тхо дала кхелйинарш санна дара.
ХIорд даима карзахбуьйлу. Минаш зу санна дIасаяхна кIохцалш долуш ю. Харцахьа куьг Iотталахь, лелха уьш. Тхо тIеман хинкемаца юххехьа тIе а дуьгий, пийсак хьоькху жимчу хин кеманна чу ховшадо шишша-кхоккха стаг. Iалашо а гойту. Ткъа хIокху дорцехь цунна тIекхача хала ду. ТулгIенаша лиестадо хинкема, ша санна шийла цинцаш детта, тхо тIадийна, куьйгаша аьлларг ца до. Уьш дечиган долуш санна ду. Делахь а хIорд шорто, маршо ю-кх. Юхьанца чIогIа хала дара. Суна мегарг некадан а ца хаара, хIордах а, хих а чIогIа кхоьрура. Дуьххьара дахча аьтто хилира, хIорд тийна бара, мина аттаниг нисъеллера. Зеназа а йина берда йисте схьатакхийра оха иза, вайн инженерашна йовзийтархьама.
Ткъа шолгIа тхо дахча, со пийсакаш хьокхуш вара. Сан ши накъост минина юххехь вара. ХIорд ловзабаьллера. Хьевеллера и шиъ. Ас мохь бетта: «Сихо е! Ларло!» Сан ши куьг а гIорош ду. Церан куьйгаш иштта шелделла. Мина иккхира. Сой, кхин цхьа накъосттий лаза ца веш хи чу кхоьссира. Хи бухара хьалаваьлча сайн тIера тужурка хи чохь йитира ас, когара эткаш а яккхий хиларна шаьш хи буха яхара. Мохь белира соьга. Кхеравеллера. Эццахь сан накъост а гучувелира. Ишттачу хьолехь яхь дIа яла йиш ма яц сан. Метта а веъна тхешан хинкема долчу агIор гIиерта со. Сан накъост дика нека хууш хиллера. ТIаьрзенаш а лестош чехка хинкема долчу кхечира иза. Со а дIакхиира цига. Шимма цхьа агIо а лаьцна хинкема тIекIелтоханза дели. ТIаккха со вукху агIора велира, чIогIа хала доллушехь. Берриге а сайгахь бисинчу ницкъаца оцу хинкеман чу кхоьссира аса сайн дегI. Кхин меттахвала гIора дацара, цхьанна гIо дар бохург-м дийца а ца оьшура. Со кIелхьара муха ваьккхина а ца хаьа суна. ТIаьхьуо хиира суна, тхо оцу хIорда юккъе дIадигначу тIеман кемантIехь цхьа лахара эпсар-нохчо хиллера. Со нохчо вуйла а хиъна, и эккхар хиллачул тIаьхьа тхо кIелхьардаха и кема даийтина хиллера. Иштта со берда йисте а кхачийна цо, санчасте а нисвинера. Iожаллех кIелхьараваьккхинера-кх цо со. Суна цуьнан цIе муха ю а ца хиира.
Цул тIаьхьа Iа дуьйлира. ЧIогIа шийла Iа дара и. ХIорд гIорийнера. Цу шелонехь тхо а гIоро мегаш дара. Амма Даймахкана белхан куьйгаш оьшура. Цигахь а жимма аьтто баьлла хила мега. Могашалла дика йолуш, онда ву аьлла Печора олучу меттиге хьажийра со, аьчкан некъ билла. Сайн дехачу набахтин дахарехь вагонзакаш* чохь ерриге  Къилба- Печорехь бакъволу тутмакх хилира сох. ХIетахь наханачул а дика дика а беш, болх бе, бохуш дендас хьехнарг, низамца йолчу юкъараллехь бен мегаш доцийла хиира суна. Ткъа кхузахь я осалвер ву хьо, я лийр ву. Юург ледара ю. Дахар-Iер шийлачу вагонаш чохь. Ткъа со шелонах кхоьруш ву. Болх вуно хала бу. Юьхьанца кхечарел хьалха хьалагIуьттуш, дегI меттах а доккхуш волавелира со. Амма и лиело хала дара, дегIера гIора лахделлера.
Уггаре вуониг хIара «Iаьржа зона» ю. Кхузахь куьйгалла деш къуй бу. Цара шаьш болх а ца бо, тхоьгара юург дIа а йоккху, жимма бен ца юьтуш. Сан Iуьйренан дарсаш беламе дехира. Хьуо иштта чIогIа стаг велахь, куьйга аьчкан рельсаш охьаяссош, дIанисъеш болх бан биеза ахь, бохура. Цул атта болх а бу, боьха ведарш ара кхиехьар. Иза уггаре а дакъазбевллачу тутмакхаш деш дара. И хьелаш суна довзийтира, тхайчул мелла йовха а, дика кечйинчу меттигерчу коьртачу къуьнан вагона чохь. Цу чохь цунна гондахьа Iаш цуьнан иттех цIуьхIар а вара. Царна а, цул сов сайна а чIогIа оьгIазвахнера со. СадиеIар сихделлера сан, синпха а чехка бетталора. Суна ваха лаьара. Сатоха а, ойлаян а диезара. Со кху чохь уггаре къонаниг ма ву.
- Ойла ян мегар дуй? – хаьттира ас.
- Кхузахь ойлаеш со ву, вуьйш ас аьлларг деш бу, - ханна шовзткъе итт шарал тIехваьлла стаг вара  и, Iаьржачу аматехь а, онда а, буьрса а волуш.
- ХIаваэхь арахь болх бийр бу ас, - элира ас.
- Делахь хIета пхьор а, марта а  схьалур ю ахь. Аьлларг ца дахь, оцу боьхачу ведар чу таIор ву хьо ас. Кхеттий хьо? Яхийта…хьан нанна!
Со сайн вагон йолчу дIа муха кхечира дага ца догIу суна. Миччара лехна цхьа ира хIума оьшура суна.
Iуьйранна кхечара санна сайн марта цуьнга дIакховдо гIур ву со. Цунна улло а таьIна…тIаккха. Сайн хьиехархочо баьхнарг дицдеш волчух тера дара со. Собар а дацара, синтем а байнера. Соьгара хьал туосаделлачух тера дара сан лулахочунна. Дуккха хIуманаш гина а, лайна а стаг вара иза.
- ХIун до ахь уьраллех*? Къуьно тIекхайкхинера хьоьга? Iовдал ма вала. Юххе вуьтур вац хьо. Нагахь аьтто а баьлла, иза а, кхин цхьаъ а виен хьо ларийча а, вукхара хьо дIавоккхур ву. Гонаха дIаса а хьаьжна, шабарца элира цо.
- Кхин герз ма лиеха – мотт тухур бу, массанхьа а цуьнан айкхаш бу. Иза арахь болх беш вац. Кхузахь Iаш ву. Нишка-м воьду хир ву иза. Ша цхьаъ. Эццахь пайда оьцур бу ахь кхунах, - къайлаха соьга урс кховдийра цуо. Цу буса суна наб ца кхийтира. Кхеравеллий, кхана айса цунна дендерг дуьхьал хIуьттушший дацара и. Сайн марта а эцна цунна тIе вахча, аьндерг къасто дезара.  Iуьйранна тIе а вахна,  чохь а Iаш, боьха ведарш аракхиехьа реза ву со, элира ас. Куьйгаш а, аз а диегош дара сан. Ткъа къу леррина соьга хьаьжира.
- Тамаш бу, - элира цо. – Хьан харжам бу-кх.
И къуй, соьца кхин а пхи-ялх чоьнашкахь цIано латто билгалваьккхинарг бен ца вуьсуш, массо а тутмакх балха дIавигира.
ХIун дича бакъахьа хир дара тиехьа, бохуш, ас ойла ечу хенахь, соьга мохь бетта: - Къу хьаштагIчохь ву. Довха хи а эций, цу чу а гIой, цунна цIано е.
Ведар дуьззина цIийдина хи а эцна воьдуш ву со. Къуйн хьаштагIа юьстахо лаьтташ ю. Чардакх тIехь гуш гIаролхо а вац. Я со, я и бен дийна вуьсур вац, аьлла сатедина ву со. Тийна ду, когаш кIелахь цIийзаш ло доцург, гIар-тата йоцуш. Дуьзначу ведарна тIехула хьалаоьхуш  Iаь ю. ХьаштагIна хьалха лаьтташ ву къуьнан гIоьнча, тIехьаьжна цхьа доккха дегI а долуш буьрса хIума ю.
- Дукха довха дуй-техьа и хи?
- Хьажал хьо, - цунна хьалха охьахIоттадо ас и ведар. Иза охьатаьIа. Ас цунна шозза сайгара урс Iутту. Узарш а деш, мохь тоха гIерта иза.
- ХIей! ХIун ду цигахь? – хьаштагI чуьра схьахеза кIоршаме аз.
Сихха и ведар кара а лаьцна, хьаштагIан неI туху ас.
- Мила? Мила ву цигахь?
- Хьан меттиг дIалаьцна?
- ХIан? Мила ву и?
Ас неI схьаозийра, и къевлина ца хиллера. Со схьаваре хьоьжуш Iаш хиллера къу. Iаш ву-кх, буйнахь урс а долуш. И оцу хьаштагIи чуволла сатуьйсуш вара со. Иза, хеча охьаяхана елахь а, карахь герз долуш вара. Делахь а со гина цецваьллера иза. Меттах а ца хьайра. Ас и цIийдина хи цуьнан коьрта тIе Iанийра, цул тIаьхьа урс диттира. Хилларг къайлах диса йиш яцахь а, меллаша вада гIоьртира со. Юххерчу чардакх тIера схьа мохь туьйхира:
- Саца! Топ тухур ю! – топ кхоьссира.
- Охьавижа! – со лай тIе вуьйжира.
Массо а хьесапашца суна кхел ян йиезара. Уггаре хьалха зонин хьаькамо.
- Хьо эхьдайнарг ву, ву-те…
И хьаькам кхуза ваийтина дукха хан яцара. ТIам тIехь чевнаш йинчул тIаьхьа, госпиталера кхуза хьажийнера иза. Кхузара гIиллакхаш башха девзаш а вацара. Партис аьлларг кхочушдар – и дара цунна коьртаниг.
- Ткъа кхузахь низам хьан латтор ду? Суна болх бар оьшу. План кхочушъян еза.
- Оха кхин а дика болх бийр бу, - боху ас.
- Бу? Къона велахь а, эхьдоцуш ву. Ас хьо дIавахийтахь, мича гIур ву хьо? – со зуьйш ву иза.
- Сайн вагон чу.
- Хьалхалерачуй?
- ХIинца суна кхин вагон йогIу.
- Ларор вуй хьо?
- Цкъачунна-м лараво…
Зебас кхин дIа а дуьйцу:
- ХIинццалц ларош ву. Я суна моьтту. Къайле хIун ю хаьий хьуна? Зонехь а, дахарехь а берзалойн низам ду: ницкъберг тоьлу, биснарш цунна тIаьхьа хIуьтту и гIелваллалц, цунах баьчча а вой. Цу хьалхаваьллачун шех а, шена тIаьхьахIиттинчарех тиеша йиш яц. Даима а сема а, кийча а волуш, цхьа бIаьрг хьаббиний бен, набъян йиш яц.
- Хьа-хьа-хьа, - велавелира Зеба. – ХIинца сан биснарг цхьа бIаьрг бен бац. Цундела наб а ца ас. Забар! Цул сов, сан иштта амал ю, хьалхаваьллехь, сайн арданг ларъян еза, низам а латто деза, нийсо а лело еза. Массаьрца нийсо лелайойла а дац. Адамаш бес-бесара ду: шайна динчу диканан хам ца бийраш а бу, Iовдалш а, кIиллош а, лай а нисло. Царах дан хIума а дац. Доцца аьлча, чIогIа хала дара. Набахти набахти ю. Со ларийра. Цундела дийна ву цкъачунна. Амма ши хилам дика дагабогIу.
…Цхьа шо даьлча, юха Iай тхан зонин хьаькам велира, тIеман чевнаш бахьана долуш дIаваьлла и олура. Цуьнан метта керланиг ваийтира, цхьа штабехь Iийна «мукадахка». Цуо со цкъа-шозза тIе а кхайкхина, со шен айкх ван гIерташ, къамелаш дира. Сайн ма-хуьллу эвхьаза ца волуш юхатеттира ас и къамелаш. ТIаккха цуо кхин некъ хаьржинчух тера дара. Со зонехь лоруш велахь а, къуона вара. Къуйн гIиллакхаш ас тIеоьцуш дацара. Со а цара юьхьанца массара а тIе ца оьцура. Айса хIоттийначу, айса къобалдинчу низамца, сайна тIедиллина жоьпалла кхочушдеш вара со.
Дийнахь зонехь кIезиг вуьсура со. Даима а болх дIабоьдучохь хуьлура. Юха цIаьххьана зонин хьаькамо, уггаре а генахь долчу декъе хьажийра со, цигахь болх ледара бо и гIуллакх нисдан диеза ахь, аьлла. Иза оха буьллуш хиллачу аьчканекъана  тIо отуш меттиг яра, 70 чакхарма генахь а йолуш. Печорех схьакхиеташ долчу  Велью олучу хин тогIенехь. Цига цхьана кIиранна дIабуьгу тутмакхаш, шоьта тIекхаччалц. Цигара болх чIогIа хала буйла а, Iойла вон юйла а хаьара суна. Со цигахь цкъа а хилла вацара. Цундела дикачу балхана и доцийла хаьара. Суна юххера болчара а хаийтира иза. Цига ца воьдуш Iан аьтто а бара сан, мухха велахь а къу ву бохуш вара со, ткъа тхан зона «Iаьржа» лоруш яра. Сайн дарж лардеш схьавогIура со. Ткъа хIинца со юха зуьйш вара и керла хьаькам. ТIаккха ваха виезара. Тхо  дIадахале вагонаш чу хьоьжуш чекхбевлира гIаролхой. Урс схьаиэца а аьтто боцуш дIавахара со.
Суо къуьнан даржехь вуйла а хууш, сайн могашаллин кеп ларъеш вара со. Дика дIакхечира тхо. Хьалхарчу дийнахь-бусий хIуммаъ ца хаалора. Со малвала дагахь волуш, шолгIачу дийнахь юург яхьаш машен еара. Цуьнца цхьаьна низам хила йиш а йоцуш, керла пхи тутмакх а веара. Суна уьш муьлш бу хиира. Цара-м лечкъа а ца дора, ца бешаш соьга а хьоьжуш цигаьркаш уьйзура. Кхузахь шаьш ду коьртаниш бохург дара иза. Уьш уггаре хьалха  човхо диезаш волчу гIаролан хьаькамо, шен гIаролхошка боху:
- Юург схьакхаьчна. Массо а схьавола садаIа, ткъа ахь кхузара низам ларде, Папаша! – боху-кх соьга.
Болх сецира, лом а, зIокберг а, бел а хезаш яц. Тхо дукха хенахь дуьйна охкуш долчу орчо чохь ду. БархI-итт метар лекха ду гондахьара мокхазан пенаш. Даима лакха йистехь лаьтташ болу гIаролхой а, церан жIаьлеш а гуш дац. Кхузара муха водур вара техьа бохуш, ойла йо ас. ДIо хIара доккха а, шуьйра а ор кхачалучохь жима легIана меттиг ю. Цигахь тIулгаш чухаьрцина. Дерриге а кераюккъехь санна гуш ду. Буьйсанна вада хьожур вара. Буса тата чIогIа хеза кху десачу ор чохь. Ткъа хIинца тийна ду. Тхо лардеш цхьа а вац – дIавада. Мича водур ву? Хьанах водур ву? ХIокху тобанаххий? Тхуна юккъехь ткъеитт- шовзткъа метар хир ю. Цара шайн арсаш гучудаьхна. Ас сайна юххера тутмакхера лом схьаийцира. Со кийча вара. СадиеIар а нисдина ас. И пхи тутмакх буьрса ирча тIеволавелира. Масех гIулч юхавелира со, пенехьа гIуртуш, сайн букътIехьа цхьа а ца хилийтархьама. Эццахь царах дIакхийтира тхайчарах шиъ а. Цхьаьнгахь лом ду, вукхуьнгахь зIокберг. Уггаре а суна новкъахиетарг, цу шиннах цхьаъ сан тиешаме накъост лоруш, ас лата Iамийнарг ву. Со шен ваша ву бохуш лелла. Ямартло а дуьхьала яьлла суна. Сан садиеIар галделира. ХIун хилира а ца хаьа суна. Нахана хьалхахь суо вейта ца лаьара-кх. Сан когаша со тIулгаш чухаьрцинчу агIорхьа дIавадийра. Сайгара лом охьа а кхоьссина, кхечу тутмакхера бел схьаяьккхира ас. Иза яйн а, пайдехь а яра.
… Хьиехархочо даима олура соьга, ида виеза, коьртаниг садиеIар ду. Цундела со кхузарчу басешкахула хIора Iуьйранна уьдура. Суо уьдура. Оцу сан «вешина» ца лаьара ида. Берриге ницкъ тIетаIийна ведира со. ХIинца топ тоьхна со вожор ву, жIаьлеш летар ду моьттура. Иштта валар сийлахь а ду, кхеран карара лечул, аьлла хиетара. Амма йолуш топ а, леташ жIаьла а дацара. Сан садеIар а, когаш кIелахь цIийза ло а. ТIулгаш чухаьрцинчу кхача виеза. Цигахула хIокху ор чуьра хьалавала мега. Цигара кхин а дIа водур ву, тоьпан хIоъ тIаьхьа ца кхуьучу кхаччалц. Иштта сурт хIуьттура суна.
ТIулгаш чухаьрчинчохь ло семса хир дуйла а, и чушершар дуйла а бохург тидамехь дацара сан. ДIакъаьчча боккха лайн мокха мотт бара чушершина лаьтташ. Кхузахула бен хьалавала сатуьйсийла яц. Со оцу лайлах чуоьхура, цкъа хьалха гIодаюккъелц, цул тIаьхьа некхе кхаччалц. Дагахь доцург дара и. Соьгарчу бело жима гIо дора, со гIеллора. Со некъ боккхуш вара, суна тIаьхьа богIурш сан лорах атта богIура. Уьш тIаьхьакхуьуш бохкура.
ХIинций-хIинций сайн букъах цара урс Iоттарна кхоьрура со. Юха хьажа а ца ваьхьа со. Иттех метар дехьа кхин а лекха бу пен. Амма цигахь ло дац, беккъа тIулган пен бу. Цига кхачахь кIелхьара вер ву со.
 И дагахь а долуш хьала тасавелира со. Амма суна кIелара ло хецаделира. Со а чухьур волуш вара сан мостагIийн кара. Делахь, каде а хилла, сайгара бел чутоьхча и цхьанхьа тасаелла висира со. Хьалахьаьжча суна тIаьхьабевлларш сан лорах хьала гIерташ бу, уггаре хьалха ваьлла сан «ваша» а волуш. Иза гIелвелла виехьаш ву, шега зIокберг а охьакхоьссина кхуо, буйнахь урс ду. Нисса суна лахахь куьг кхочур долуш, куьг аьлча а, бел кхочур йолуш ву-кх.
- ХIинца а диц ц ало суна, хIетахь сайгахь хилларг, айса  лайнарг, - кхин дIа а дуьйцура Зебас. -  Цхьа довха хьацар туьйхира сан дегIах. Велакъежна а хила мегара со. Оцу сайн «вешига» хIуммаъ элирий-техьа ас тIаьххьара? «Зуд!» - аьлла хила мега. Кхин даккхий къамелаш дан хан яцара. Сиха а, лерина а хьовза диезара.
ХIинца юханехьа гIур дур вай. Коьртаниг, тухушъерг хьажош тоха йиеза. Ас сайн «ваша» дика Iамийна хиллера. Ас ластийначу белах кIелхьаравелира иза. Амма иза коьрта туохар дацара. Голах мийр тухуш галваккха виезаш вара иза. Узарш а деш ша чухецалуш, сан когах тасавелира иза. Юха ас оцу хьеюккъе бел тоьхна чувахийтира иза. Шел тIаьхьа хьалагIерташ верг такхош чувахара иза. Ци шинна тIаьххье чувахнехь хIун дара-техьа бохуш ас ойла ешшехь, цхьа онда хIума кагъелча санна тата делира. Когаш кIелара ло а чухецаделира, гуш хIума а доцуш хьийзаш со вара чухьош. Цхьа хIума иккхина моьттура суна юьхьанца. Тохара хIорда юккъехь мина иккхича санна хьал дара соьгахь. Кхузахь хьалавала гIерташ, нека деш санна тIаьрзенаш лестайора ас. Хьала ваьлла садоIIушехь, юха а чуозийна хьовзийра со. Юха цIаьххьана сецира, сан дегI кхозаделча санна. Тийналла хIоьттира, коша чохь воллуш санна хиетара. Садукъделлера. Эццахь йовхарш туьйхира ас. Цуо сан мара цIанбинехь а, садиеIа хала дара. Айса дан дезарг ца хууш, оцу лайн токхамехь воллура со.
Сан чIогIа аьтто хилира. Со оцу токхаман тIехула нисваларна а, цуьнан йисттехь хиларна. Цу тIе, сан кийча хилар а дара суна гIодинарг. Дала Iалашвир-кх кхин цкъа а. Сайн садиеIар метта а далийна, сатедира ас. ХIинца со мичахь ву хаа дезара. Лакхе мичахь ю, лахе мичахь ю а ца хаьара суна. ДегIан йозалла а хаалуш яцара. Кхиетамчуьра вала герга ваханчохь, багара туй доладелира сан  чIенги тIехула охьа. ТIаккха кхийтира со, суо ирахь лаьтташ хиларх. Сайн когаш хьала озо гIоьртира со, хи чохь волуш санна. Жимма  паргIато елира гонаха. Кхин цкъа а доккха са а даьккхина хьалагIоьртира со. Лакхахь серлаелира. ТIаккха хьала текхира со дерриге а сайн дегI меттаххьиедеш.
Ма хаза ду-кх дуьне! Ма сирла а, мерза а дара и! ХIуо ма мерза дара! СадиеIар ма ирс ду! Сатедина, маьрша садиеIа диеза! ХIетахь дуьххьара хиира суна дахаран маьIна а, цуьнан мах а. Амма и сан гIадвахар дукха деха ца лаьттира. Сан лере кхечира кхуьйсучу тоьпийн татанаш а, жIаьлийн лиетар а. Оцу ор чу охьахьаьжира со. Цу чохь тутмакхаш белахь а, я шайтIанаш делахь а, жоьжагIати юйла-м хаьара суна. Суна юха цу чу восса ца лаьара. Ведира со, хьо хIун дан воллу, лакха хьала, дуьне а, ирс а, нийсо а хила йиезачу лакхене. Цигахь адаман со вехаш ву ала йиш хир ю-кх! Оцу ор чуьра суо хьалаваьлча иштта ойланаш кхоллаелира сан! Кху лаьтта тIехь меттиг ца тоьу тиеша адамашна? ХIара хаза сурт, хIара шорте! Миччахь а цхьа бун а йоьгIна ваха мегар ду. Со цхьанна а новкъа хир ма вацара. Кхузахь-м ас новкъарлоян адам а дац. Амма со юха а гIалатваьллера. Кхузахь а Iойтур вац. Юха кхуьссу тоьпаш а, лиета жIаьлеш а ду хезаш. Суна цаьрга ладиегIа а, уьш ган а, цаьрца ваха, аьлча, цаьрца талха а ца лаьа. Суна хIокху жоьжахатера ведда гена вала лаьара. Ткъа мича, хьаьнга гIур ву? ДIогахь гуш болчу лам тIе. Цига хIунда воьду со? Ца хаьа. Суо ламанхо, нохчо волу дела, мел Iийнехь а, ламчохь Iийна а, цигахь вина а волу дела.
Амма со оцу берзинчу лам тIе вуодахь, гучувер ву, кераюккъехь санна гуш хир ву. Цул а лахахь гIорийна хи долчохь, таьIначохь, хьуьна юккъехь хьулвала меттиг болчу веддехь хIун дара техьа? Со лачкъа гIерташ вац, бодане а, хьеха чу, хьуьнчу кхача лууш а вац. Суна шорто йиеза! Цхьана кIезигчу ханна бен яцахь а, шорто а, маршо а, кхечарал жимма лекха хила а лаьа суна. Оцу генарчу ломо шена тIевоьхура со.
Амма цу ломан буьххье боьду некъ, сан дахар санна атта-м ца хиллера.  Со уьдура, тIома ваьлча санна, охьане хи тIе кхаччалц йолчу басехула керчаш а вахара. Юха юькъачу хьуьнан юккъехь жIаьлийн лиетар а ца хезара суна. ХIинца суо цара эккхийна уьдуш хилар а дицделлера суна. Дерриге гIоронза долчу хин гIовгIа хезира суна. Цуьнан шуьйрачу гечонах чекхволуш вара со. Хил дехьахь жIаьлеша лоцур вац со. Лам а генахь бац. ТIаьхьабогIучара жIаьлеш дIахецначух тера дара. Церан гIовгIа юххе гIиерташ яра. Ши жIаьла ду. Суна девза и шиъ. Хьалхарниг барзах схьадаьлла …. Ду. ШолгIаниг тIаьхьа дуьсу, гIовгIа йо. Цхьа беза тIулг схьаийцира ас. И пхьу, сайгара тIулг гича, озалур ду моьттура. Амма иза шена Iамийна ма-хиллара, сан логах катоха кхоссаделла. Сан пхьаьрсах катуьйхи, ткъа цуьнан туьтанах ас тоьхна тIулг кагбелира. ШолгIаниг барзах схьадаьлла дац. ЦIога о хьовзийна, цIийза хIоьттира. Юха ша схьадеъначу лорах юха дедира. Со тIулган тIера кхечу тIулган тIе кхоссалуш, шершаш, вашийна, саца йиш яцара. Хил диехьара басе атта ца хиллера. Юххехь  хиеталуш болу и лекха гу, генахь хилла а ца Iаш, гена буьйлуш санна хиеталора. Лакха мел вели а, гIеллуш, мох а, гIура а чIагIлуш, садаIа диезаш вара. Цул сов меца а вара со. Жимма соцунгIа хилира со, дохко а велира. Лахара хьала гIерташ и шайтIанаш-гIаролхой бара, со юха оцу жоьжагIати чу такхо гIерташ.
ХIан-хIан! Кхин ца соцуш, оцу айса сатуьйсучу ломан буьххье гIертара со. ХIинцца дIакхочу бохуш хьалатиекхара. Ткъ ломан бохь генахь бара. Сайн оццул чIогIа ницкъ хиллехь а, гIелвеллехь а, цу боьххье хьалаваьлла, дохко ца ваьллера со. Цхьа башха сурт, шорто, мох, маршо, лакхахь малх боцург кхин хIуммаъ дац. И шайтIанаш гуш дац. Доккха хи ду Печора. Цунах схьадетталуш кегий хиш. Хьаннаш! Шорто! Дерриге а дуьне!
Со воккхавер, кхийсалора, мохь бетташ хелхавуьйлура. Малх а гIелбелла, чубузуш бара, со сайн хьиехархочо ма-хьеххара ши ког чучча а бахийтина, охьа хиира. МаьркIажехь гIура чIагIлуш яра, мох а чехкабуьйлура, дуьне макхделлера, хин йистошкахь наггахь серлонаш  хаалора. Малх чубузар башха дара! Малх чубуьзна, дахар а чекхдаьлла. Сан лергаюххехь тоьпан шийла биргIа ю. Хьала ца гIатталора со. Когаш гIорийнера. Лаьттах схьа а къастийна,  юха оцу орчу, жоьжагIате дIавигира со. Даиманна. Кхоллам.
Цул тIаьхьа со Перме дIа а вигна, луьра зуламхо ву аьлла, цхьа йолчу камери чувоьллира. Готта а, шийла а яра. Юург а ледара яра. КIиранах шозза бен вуолавалийта ара а ца воккхура. Цигахь со цхьа вара. Юьхьанца хала хиллехь сайн, ас сайн дегI меттахдохуш, меженашца болх баро кIелхьараваьккхира со. Къона а вара. БIе де даьлча, шаьш суд йо аьлла, цхьа моттаргIанаш йира. Ведда аьлла, бехкен а вина, кхин а ворхI шо хан къовламечу рожехь яккха тIетуьйхира суна.
Камери чуьра араваьлча, зона курорт яцахь а, суна-м курорт муха хуьлу а ца хаара, маьрша хиетара суна. Цигахь сайна меттиг йоккхуш къовса дийзира. Со хIинца бакъволу тутмакх хилла ца Iаш, къиза а, чIогIа а, биекхаме а ву. Биекхаме ву сайна новкъарло йинчуьнца а, осала ваьллачуьнца, харцлуьйчуьнца а!
Со вен гIоьртинчу оцу пхеаннах дерг теллира ас. Царех цхьа а оцу токхамех кIелхьара ца ваьллера. БIаьста карийна хиллера, акхароша даьжна долу  церан декъий. ГIаролхойн хьаькамна гечдира, со ломан буьххьера схьавалийча, къайлах сан куьг къевлира цуо. Амма и дерриг долийна хилла волу зонин хьаькам ца кхоийра ас. Сайн ма-хуьллу бехкевира. Ткъа цу хенахь, боьдуш тIом а бара, массанхьа мостагIий, ямартхой лоьхуш хуьлура, болх бан нах оьшура.
Мухха делахь а, дукха хан ялале и хьаькам чувоьллира. Ишттачеран милцойн шайн зона яра. Сан цигахь а бевзаш нах бара. Кехатан цуьрг язйира аса. Иза дIаваьккхира. Кхечу кепара хуьлийла а дацара. Меца, чIогIа меца хан яра и. Массанхьа а баланаш, Iожалла, дуьненчохь уггаре маьттазчу адамийн – большевикийн а, фашистийн а олалли дара. Маьршачу нехан дахар а иштта хала хилча, зонехь хIун дара аьлла хиета хьуна? Амма берзалошца Iаш велахь борзалойх угIа виеза, я – хьуна, я – ахь: хила я ма хила бохург ду-кх. Цхьа хьиесап доцу осал хIума а хилла, кIелхьара вала  гIерта а тарлора. Амма нохчочунна и некъ мегаш бац. Шина  дашца ала хала ду суна, суна хиетарехь вайн ирсана нохчашна юккъехь гIаплолла* ца хилла. И бохург хIун ду а ца хиъна нохчашна. Ткъа большевикийн Iедал – гIаплоллин уггаре а ирча кеп ю. Ишттачу юкъараллехь нохчийн дахар кхечу къаьмнийнчул а хала ду. Советийн Iедална муьтIахь а хилла вай Iийча а, вешан мотт а, Iадаташ а лардан диезаш ду вай.
Со айса дичунна дохковаьлла вац. Даима а айса бохучун тIехь лаьтташ, чекхваьлла со, хIинца цхьа виснехь а. Кхоллам… Юха а боху ас. Айса лелийначунна дохко а ца ваьлла со, я эхьхиета меттиг болуш а вац. Сайн ши ваша Iалашван аьтто цахиларна бехке хиета суна со. И шиъ тIом буолабелча, берийн цIийнера тIеман училище деша вахийтина хиллера, цигара дIа тIаме а хьовсийнера, вовшах а къастош. Жимахверг 1942 шарахь тIепаза вайнера, цуьнан хьокъехь соьга а бартхаьттира, цунах хIуммаъ хаьий, бохуш… Иза немцойн кара а вахана, цигара вада ведда цхьанхьа Америкехь хила мега бохуш, хиетарг а дара церан. Со-м цу хьокъехь цхьа сатийсам болуш а вара: Советан Iедал мацца доьхна а духур ду, со мукъавер ву, тIаккха сайн ваша волчохь дика са а даьIна, сайн даймахке Нохчийчу вала дIагIур ву, бохуш. Амма  I97I-чу шарахь хаам кхечира: Киевна уллохь цхьа ахкамаш бечу хенахь цхьана кошахь баьсса патармаш карийна, чохь «веше Дадуев Зебига, лакхарчу лейтенантера Дадуевгара…» - чIогIа вилхира со, - боху Зебас, цуьнан бIаьрхиш хIинца а гучудели.
- И дийна а висна, тхешан цIийнан кIур бовр бац, аьлла хиеташ вара со. Цунна со бахьана долуш, цхьа сингаттам баккхарна кхоьруш, и ца лоьхуш Iаш вара со. Ткъа тоххарехь лаьттах воллуш хиллера.
…Сахиллалц Iийра сой, Зебий. Егора лор а валийра. Лоьро доьхура Зеба больницехь хилахьара бохуш.. ХIан-хIа, ша волчохь виеза хьаша – нохчо ву! Зеба гIелвеллера, кхин цхьаъ соьга дийца лууш волчух тера а дара. Ас хаьттира:
- ШолгIачу вешех дерг хаий хьуна?
Кхин а чIогIа сингаттамечу озаца элира цуо:
- Сан лорах дIавахнера. Охьавижа виеза вайшиъ. Со гIелвелла. Хьо а ву Iуьйранна дIаваха виезаш.
ШолгIачу дийнахь хи йисте кхаччалц со новкъаваккха веара Зеба. Аьхка кхузахь хитIехула бен дIасавоьдийла дац. Цундела дукха адам ду хийистехь. Цигахь Зебица оцу нехан хилла болу лиерам суна цул хьалха а, тIаьхьа а гина бац.
- Де дика хуьлда хьан, Зеба!
- Муха ю хьан могашалла?
- Хьайн могашалла Iалашъелахь! – бохура цуьнга массара а. Бурамхочо Зебин сийнна мIов* екийтира. ДIасакъаьсташ, къевллина со мара а вуллуш, элира Зебас:
- Вайн махке соьгара маршалла дIалолахь, - иштта дара цуьнан тIаьххьара дешнаш. Хиэ гуола тухучохь тхо къайладовллалц лаьттира иза дIа ца воьдуш.
Цул тIаьхьа кхин  цкъа гира суна Зеба. Цуо цхьана-шина дийнахь шиеца Iие боххушехь, ца Iийна дохковаьлла. Зеба шен гонехь, цхьаболчу нахана юккъехь цIе йоккхуш стаг вара. Цу меттигашкахь цунах лаьцна дийцарш дукха дара. Соьца оцу бурама тIехь дIавеъначу цхьана стага дийцинарг керладаккха лаьа суна.  Суна тIевеара лекхачу дегIехь волу, кIайн маж а йолу цхьа стаг:
- Алексей Николаевич, Ленинградера ву со, элех схьаваьлла а ву, - вовзийтира цуо ша суна. – И-м дIадаьлларг ду. Тахана школехь берашна истори Iамош ву иза. Бакъйолу истори бахьана долуш I937-чу шарахь 20 шо хан тоьхна хилла цунна. Сталин веллачул тIаьхьа маьрша ваха бакъо елла, кхуза схьахьажийна. Кхузахь зуда а ялийна, доьзал а болийна висна, Ленинградехь шен диелха а, диека а доцу дела. Зеба сан мила ву аьлла хаьттира цуо. Суна Зеба вевзина дукха хан а яц, хIинца шолгIа, я кхозлагIа гуш ву, аьлча, цецвелира Алексей Николаевич.
- Зеба Iаламат инзаре адам ду, - дIадолийра шен къамел Алексей Николаевича. Суо историк хиларе терра Чингисханан дахар теллина ас. Цуьнан коьрта амалш хилла: хьекъал, майралла, нийсо, мадаралла*. Цуьнца болу ларам, цуьнан сий а чIогIа лекха хилла. Итт эзар чакхарма гена хьадалча вохуьйтуш хилла цуо  цигарчу баьчин  корта баккха олий омра дой. Цуьнан омра кхочушдеш а хилла инкарло ца еш. Чингисхана аьллехь, и дан диезий хууш. Зебех воккха Iилманча хилла хир вара, дика хьелашкахь нисвеллехьара. Ша-тайпа иэс а, ницкъ а, лаам а болуш адам ду иза. Зебех лаьцна шовзткъалгIачу шарахь зонехь хезнера суна. Зеба бохург цунна тиллина цIе ю моьттура суна. Иза цуьнан бакъйолу цIе хиллера. 1951 шо чекхдолуш тхан зонехь дуьйцура Зеба воуьйту кхуза, бохуш. Со хIетахь Карлагехь шахти чохь болх еш вара. Цу чуьра со дийна ара муха ваьлла, хууш вац со. Iойла янне а яцара. Лай санна дацадора тхо. Кхача баа мегаш  а ца хуьлура. Иза а оцу къуйша дIабоккхура. Уьш дукха а бацара, айкхаш, боьха хIумнаш яр-кх. Зуламхой. Массо а меттахь куьйгалла деш а бара. Оццул вочу хьелашкахь тхо мискана Iиен ца дуьтура. Тхох дукхах берш цомгуш бара, леш бара. ТIаьххьара тхан собар кхачийра. ГIевттира тхо. Цхьана зонехь 10 эзар сов вара тхо могIарера тутмакхаш. Иза гIаттам бара. Ша тайпана, собар кхачийначу оьрсийн гIаттам. Иштта гIаттам ерриге а пачхьалкхехь хилийта йиш хилча, дахар хийцалур дара, аьлла хиетара: гIаплой санна а ца Iаш, адамаш санна даха мегара.
Ала дашна боху ас и-м.
Зеба схьа а кхачале тхан къуйнна юккъехь барт боьхнера. Уьш вовшах лиета буьйлира. Шайн коьртаниг вийнера цара, низам ца ларделларг, коьртехь хуьлийла дац, аьлла. Зеба вогIу аьлла дийцарш хезара. Веъча хIун ду? Цхьа а шахти чу вуссур вац. Воьссинарг оха тхаьш вуьйр ву. Массо а чуволла карцерш а хир яц кхеран. Нохчо Зеба хьовх, Сталин вагIахь а болх бийр бац. Тхо меца а, оьгIазе а, дарделла ду, оцу гIаттамо барт а чIагIбина тхан.  Тхуна юххе гIорта  ваьхьаш цхьа а вац:  лагеран куьйгалхой а, я къуй а – цхьаберш байъина оха, кхин вуьйр а ву, я тхаьш лийр ду. ХIара гIаттам бу. Оьрсийн тутмакхийн гIаттамал кхеираме хIума дан а дац. Тхо хIинца маршо йиезаш ду, цхьаьнца а дийца хIума а дац тхан. Иштта ду. Кхечу кепара хуьлийла а дац. Оха баррикадаш еш йинчу дуьхьалонал сиехьа валалур вац цхьа а. Тхо массо а вала кийча ву.
Чохь Зеба а волуш, вагонзак схьакхечира. Иза къуй болчу а ца вуьгуш, карцер йолчу агIора вигна. И гинчара дуьйцура хIокху шелонехь гIодаюккъалц верзина а волий, цхьа китайски хелхарш деш вву иза, бохуш. Уггаре а хьалха тхо долчу ван дагахь ву а бохура. Ишта хила а хилира. Тхан барак йолчу веара иза. Нагахь санна, зонин хьаькам, я къу санна юххе хIиттийна гIаролхой а боцуш и веънехьара кхечу агIор хила а мегара. Ткъа иза ша цхьаъ вара. Шех бIобулуш а вара. ТIеюьйхина тхайниг санна елахь а, дезачу кIадех тегна бедар ю, дегIана тIелетта, товш. Коьртахь холхазан куй бу, ткъа цуьнан санна къиегаш, хаза лекха эткаш-м тхан зонин хьакаман а яц. Каде оцу оха хьалайоьттинйчу баррикадана тIевелира иза. Лакхара тхоьга чухьоьжу. Тхох цхьана мискано шегара эчиг шена тIекховдийча, ца вешаш дIатеттира цо. Юха цо и тIекховдийча, цуьнгара схьа а яьккхина, шена тIехьа дIакхоьссира Зебас. Юха массаьрга а бIаьрг тухуш чекх а ваьлла, чIогIачу озаца вистхилира:
- Лакхарниг мила ву шух?
Тхуна юккъехь иштаниг вацара. Цхьа комитет ю бохуш хIума дара. Зебас иза дIаяккха сацийра.
- ДIахIиттал нислой! Сихха.
- Хьо мила ву? Яхийта, - эвхьаза мохь бетта цхьаммо. Юха гIовгIа йолу. Ша лаьттачохь лакхара юха а охьахьожу тхоьга Зеба. Тхан барака чохь 250 тутмакх ву. Массо а дарвелла, цхьана кхолламо чIагIвина ву. ХIара ша волу Зеба… Амма Зеба майра а, онда а стаг хилла ца Iаш, бийца мотт болуш, лиела хууш а хиллера.
- ЛадогIал соьга! – куьг айъира цуо. – Со Дадуев Зеба ву. Шу санна волу тутмакх. Со чувоьллина дукха хан ю. Кхин шозза оццул хан такха йиезаш а ву. – Цуьнан мотт къуйн санна боцуш, цIена бара, эвхьаза дешнаш ца олура цуо. – Гой шуна, со а дуккха а шерашкахь лаьцна Iан виезаш ву. Цундела  шуна санна, кхузахь мелла   а  гIолехь    хьелаш   хуьлийла а  лаьа   суна.   Ас  дош ло-кх шуна, иза иштта хир а ду.
- Хьо мила ву? Яхийта, - юха а эвхьаза мохь бетта цхьаммо.
- Дийцийта!
- ГIарош ма е! – гIевттинарш иштта шина декъе бийкъира Зебас, эвхьаза мохь беттарш а бара. Делахь а Зебас шен къамел дора.
- Ас цхьа хаам бо шоьга, шуна ца хаахь. Юххера зонехь а гIаттам хиллера. Цигахь а ткъа барак ю, хIоранна чохь 250 стаг а волуш. Цигарчу шина барака чохь тиф-цамгар гучуяьллера. И ши барак ягийначохь хIара санна йолу баррикада йисна. Кхузахь юй тиф? Цигахь а яцара. Амма карийра. Цунах ун далахь, махкахула и даржахь хIун дан диеза? Вай цхьаммо ловзор дац. Цхьана- шина дийнахь собар а дина. Хаьий шуна баракаш муха йогу? Шух цхьа а хIокху баррикадел сехьа вер вац. Шайна йина аш хIорш.
- Тхуна къуй а, айкхаш а кIордийна! – мохь болу юккъера схьа. – Шаьш болх беш а бац, тхоьгара юург а дIайоккху.
- Тийна! Кхийти со! – боху Зебас. – Айкхаш а, къуй а ас, я аш юкъабаьхна бац. Уьш хила а хилла, бан а бу, хир а бу. Хьаькамашна оьшуш бу уьш. Царех вала меттиг бац. Накхарш чохь а къахьоьгуш долчу мозийшна юккъехь жуккарш хуьлу. Иштта ду хIара Iалам. Ас дош ло шуна кхузара айкхаш а, къуй а ас совцор бу шуна иштта а декъазчу кхачанна уьш кхин тIекхевдар бац. ХIара баррикадаш дIа а яхий шайн болх дIабуолабе.
- Яхийта! Туоха оцу боьхачу нохчочунна, - мохь белира.
Зебас куьг ирахдахийтира.
- Тийна! – дIасахьаьжира и массаьрга а. – Шу цхьана айкхе кIелхьарадовла гIертачохь, шуна юккъехь гучубуьйлуш бу къуй… Мила ву?
Иза Жаров вара. Цхьа онда тутмакх. Зебас ма-аллара шен ницкъ гойтуш, вуьйш охьатаIо дагахь араваьлла а вара и.
- Хьо цига лакха тIехь верг, хабар а дитий охьавосса. Ас хьо а, хьан нана а…
- Иза совнаха а, чIогIа а аьлла дара, - элира Зебас. – Къамелах массара а жоп дала диезар ду.
- Суна дагадогIу, - кхин дIа а дуьйцура Алексей Николаевича, - цхьа экха санна дайчу буоларца охьаиккхира Зеба. Массо а дIасатаьIира цунна хьалха. Уггаре а тамашбинарг цуьнан бос баса, цIена хаза бос. Кхузарниш, гIаролхой а тIехь цхьа латта санна мокха юьхь-сибаташ долуш бара. Ткъа Зеба къона а ву, могуш а ву, цхьа онда могашаллин тулгIе яра цунах схьаетталуш. Хилларг хIун ду цхьанне а ца хиира. Жаров воьжна Iуьллура, цуьнан гIо лаца гIоьртина накъост юххехь Iуьллуш вара – хIорш барак чу дIатакхабе… ДIахIитта.
Ши де даьлча, Зеба тхан столовехь гучувелира.
- Муха ду гIуллакхаш? Муха кхобу шу?
- Дика ду. Кхача а дика бу, - маьхьарий туьйхира оха. Тхан тутмакхийн дахар жимма гIолехь дара, хьалхалерачуьнца дуьстича. Зеба хиъна Iаш волчу Жаровна тIехьашхула тIевахара. Лулахошна а хезаш, лере а таьIна аьлла хиллера цуо: «Айхьа нана хьахорна бехк ца биллар диеха дезара. Кхин а де-буьйса ду хьуна». Хилла хIума а дацара. Арахьарниш тхан баракехь ца хиллера, ницкъбина лар а йоцуш, шолгIачу Iуьйра вижинчуьра сама ца велира Жаров. Кхеравелла дог иккхина хила мега цуьнан бохуш а дуьйцура.
Ткъа Зеба тхо долчохь хьиецалуш дIавигира кхечанхьа. Даима а цхьана меттехь ца вуьтуш дIасалиелавора иза. Тутмакхан уггаре а халаниг ду иза. Амма цуо дерриге а ловр. Иза массара а лоруш вара, цунах лаьцна дукха дийцарш, хилларш дара. Амма цуьнан мостагIий а бара, ца хила аьтто а бацара. Зебина шайга хIума ца даделча, цара цуьнан чувоьллина волу ваша вийнера. Дукха къиза вийнера, дакъа эрча а доккхуш.
Мухха а баьллехь Зебин аьтто белира и шен ваша вийначу зоне ша диехьаваккхийта. Хаа луучарна хIара вогIуш вуйла хаара. Цу зонехь Зебин мостагIий хилла ца Iаш, доттагIий а бара. Уггаре а хьалха нохчий а, гIалгIай а, цхьана хенахь кхо шайна гIодина болу.
Зебас шен ваша вийнарш къиза байъира. Амма мостагIийн коьртехь хилла волу Iаьржа Парас, маьрша ваьлла цIа а вахана, цигара схьа кхерамаш туьйсуш вара. Ткъа Зебас доькхур ду аьлла чIагIо йина. Муха? Зеба чохь воллуш ву, мостагI маьрша лиелаш ву. Дика кечам бинера Зебас.
Парас Благовещенскехь вехаш вара. Цигара цхьа дов хоттуш тоьшалла дан  вуьгу аьлла, новкъа ваьккхинера Зеба. Автозак* чуьра мухха веддехь а веддера иза. И хиъна волу Парас, чуьра аравала а ца ваьхьара, милице ша ларве бохуш  хиллера. Зеба лохуш тIаьхьа бевлла милцой а, Парасан  цIа лардеш бара. Зебин массанхьа а бу доттагIий. Цунна дерриге хууш ду.
Юха меттигерчу газетехь хаам бу-кх. Зебас, схьалоцуче меттехь дуьхьало а йина, иза вийна бохуш яздина. Парас цунах а тешна хир вацара. Аравала ца ваьхьара. Хьалха санна ларвеш а вара.
Зебех хезаш хIума доцуш ши бутт ханъелира. Юха жоьлгийн почтехула хаам кхечира, Благовещенске бевзаш болу кехатийн  хьарамчаш баьхкина, даккхий ахчанаш а дохкуш ловзуш бу, аьлла. Массарна а хууш дара, Парас кехатех ловзуш вуйла. Цул сов хьарамча а вара иза. И баьхкинарш ша Iиехор бу аьлла хиеташ а вара. Парасна ахча оьшура. Ловза шовкъ а яра! Иза шен цIахь а, жоьлгаша лоруш а вара.  Кхузахь Зеба гучуваьлла аьлла, кхера а велла, Iедална кIелвахна бохуш, Парасе болу ларам лестинера.
Шен цIе меттахIотто а, шиега болу ларам совбаккха а лаахь гучувала виезара. Ша гайта виезара. ЧIогIа кехатех ловза а, ахча даккха а лаьара. И дара цуьнен дуьне а, шовкъ а, синкъерам а. Иштта шен хIусамера къайлах ара а ваьлла, и кехатех ловзурш гуллучу гIалин йистерачу цхьана цIийне  вахара иза.
Цуьнца тиешаме жимах волу ваша а, кхин шиъ ша санна волу айкх а вара. Арахь и цIалардан хIиттийна герз а долуш масех стаг а вара. Иштта Зебин аьтто белира биекхам бан. И кехатех ловзурш Зебас кхайкхина балийна шайн болх дика хууш говзанчаш бара. Юьхьанца арахьарниш тIекIобеш, царна ловзар марздеш, шайгара жимма ахча дIадоккхуьйтура цара. Амма Парас гучуваьлча бокъонаш хийцаелира. ХIора болехь керла кехатийн туп юкъайоккхура.
Суьйранна исс даьллачул тIаьхьа буса кхо сахьт даллалц бен ца ловзура. ХIиттош даккхийра ахчанаш дара. Ахча ца тоахь де-буьйса далале декхар охьа дилла диезара. Цхьаьнгахь а герз дацара. Парас шен вешица ву, дуьхьал хиъна шиъ а ву. Бакъонаш ларъеш хьожуш цхьаъ ву.  Цуо оьшург схьакховдайо: чай, коньяк, Iаьржа Iов а, ананас а.
Шена дуьхьал хевшинарш муьлш бу сиха хиира Парасна. Кхуьнан набахтехь чекхдуьйлуш хилла бозбунчаллаш кхузахь чекх ца девлира. Иза шен махкахь вара, хьеший кхеро а гIоьртира. Бакъонаш массарна цхьабосса ю аьлла, шек ца бевлира уьш. Цхьа сахьт далале шен карарчу ахчанах велира Парас. Диекхаре воьдуш лаьттара. Диекхар доккха дара. Кехатийн диекхар – бегаш бац. ГIуллакх дукха гена далале къасто дагадеара цунна. ХIара хьеший хIаллакбан беза хьарамчаш бу аьлла, сацам бира цуо шен дагахь.
Буьйса юккъе яхча, ша аравала диезаш ву аьлла, ловзар сацийра цуо. ХьаштагIа кертахь яра. Параса шок туьйхира. Арахь хIара ларвеш болу цуьнан накъостий  бистхуьлуш бацара. Цуо юха а шок туьйхира:
- Мичахь ду шу? Шун нанна…! – меллаша мохь туьйхира цуо.
- Со кхузахь ву-кх! – мичара вели ца хууш цунна дуьхьал хIоьттира Зеба. ХIетталц вовшийн гина вацара и шиъ. Мажъяьлла велахь а, шена хьалхалаьттарг Зеба вуйла хиира Парасна. Дукха кхиеравелла лацавеллера иза, кхин цкъа а доьхначу озаца шен накъосташка кхайкхира цуо.
- Хьан накъостий Iинчохь садоIуш бу, - элира Зебас. – ХIара шайн герз соьга схьаделла цара. Ткъа хьо, боьха хIума ю, даима а боьха хIума. Хьуо иэшча, уьш байъа дагадеънера хьуна?
- Зеба, къинтIера валахь, ма виехьа со!
- И Делан карахь ду. Сан вешех жоп дала диезар ду ахь…
ШолгIачу дийнахь Парасан  эрчадаьккхина дакъа карийнера. Цуьнан ваша а ша ирхъоллавеллера. Цу деношкахь Благовещенскера банк а, меттигерчу музейн чуьра еза хIуманаш яьхьнера. Лачкъийна ахча а, хIуманаш а ца карийра. И гIера, Амурал дехьа а яьлла Китайхула дIаяхна бохуш, дуьйцура. Церан баьчча Зеба каравахнера.
Зеба буьрса велахь а, нийсо йиезаш вара. Цу заманчохь бехкбоцуш зонашка дукха нах кхочура. Интеллигенташна а, кхечу оьздачу нахана а чIогIа хала дара, уьш хьийзабора эхьдоцчу къуша. Зебас уьш Iалашбора. Царах дукхахберш юха шаьш маьрша бевлча, юха а шайн даржашка дIахIуьттура. Зебас шайн дина дика дагахь а латтадора.  Арахьара гIо-накъосталла доцуш лиелалур дацара цуьнга цхьадолу гIуллакхаш. Зеба ша хиллачу юхаверзавезаш барт хуьлу хир бар-кх церан. Иза юха веара. Берриге а бехк цунна тIе а биллина, тоьпаш тоха кхел йира суьдо. Цу хенахь тоьпаш сиха тухура. Ткъа Зебин дов дахделира. Мухха делахь а, политика юкъа а яьлла, Сталин велира, юха Хрущевс малдира Iедал, тоьпаш туохаран метта 25 шо лагершкахь даккха хан туьйхира.
Зеба ца  кхочуш меттиг яцара, лагершкахь гIаттам хилча, къуй эхьдайна хьаьвзича, белхан план кхочуш ца еш меттиг нисъелча – цига Зеба хьажавора. И массанхьа дика ларавора. Цу заманчохь хила тарлуш йолу нийсо а, низам а дIахIоттадора цуо… Цуьнан дош лиелара массо а зонашкахь. Цуо омра дича, уьш ерриш гIовттарна кихерам бу, аьлла хиетаделира хьаькмашна.
Масала, 1957 шо долалуш, махкара даьхна къаьмнаш шайн цIа берзийта аьлла, Хрущёв указ даьккхича, Зебас шен указ даьккхинера – цхьана дийнахь массо а Кавказера болчу тутмакхаша сакъоьру аьлла. Массо а бохучу зонашкахь и кхочуш а дира.
И саннарг таIзар доцуш дуьтийла яцара. Уггаре кхиераме лоручу полковника Демчука куьйгалла дечу «цIечу» зоне дIавигира Зеба. Демчук революцин нийсархо а, большевикаша кхиийна цхьа къутIа дара. Морозов Павлика динарг дира цуо. Боксер а, спортсмен а велахь а тIам тIе ца вигнера иза. Мотт бетташ, шпионаш а, дезертираш а лоьхуш НКВД къайлах агент вара и. Иштта мостагI цунна карийнера – цуьнан да – тIемало чевнаш а йина, госпиталера араваьлча шина денна хатта а ца хоттуш цIавеъна хиллера, доьзална сагатделла. Жимах волчу Демчука шен да Iедале дIавелла хиллера. Оцу хьуьнарх лаьцна газеташа а, радиочухула а дуьйцуш хиллера. Ткъа кIантана капитанан дарж а делира. СМЕРШ олучу  тобана юккъевахийтира тIом болчу агIора дIа а хьажош. Дукха нах хIаллакбинера. Къиза адам дара и. ТIом чекхболучу хенахь шортта орденаш а, мидалш а яра цуьнан. Подполковникан дарж а долуш тIамера цIавеънера иза. Цхьаммо арз а дина, Демчук ингалсхойн хьаяр  ву аьлла, Советийн нийсонан суьдо, шен да воьхкина волчу, цуо Даймохк а боьхкина хир бу аьлла, итт шо хан а тоьхна, халкъабахам меттахIотто вахийтира иза.
Ялх шо даьлча, 1953 шарахь амнисти а хилла цIа ваийтира. ТIаккха шех лаьцна хьалха язйина хилла статьяш, «Правда» газетехь ерг а тIехь, схьа а гулйина араваьллачу цуо гIайгIа бира. Иза бехказваьккхина ца Iаш даржехь а, балхахь а меттахIоттийра. ХIинца тоьллачех колонин хьаькам ву иза. Ша чувоьллина хилар доькхуш къиза ву иза тутмакхашца а, шел лахарчу эпсаршца а. Дуьне дууш а ву. Шена ахча луш а, мотт хьокхуш болчаьрца къинхиетаме ву. Муьлхха маьрша ойлаяр хададо. Кхузахь и хьаькам а, да а ву. Мерза дууш, мехкаршца сакъоьруш, шен могашалла ларъеш ву.
Колонин кертахь юккъехь дIахIоттийна, гондахьа аьчкан серий а тесна, еакIов дика ринг ю. Буй чIогIа тухуш ву иза. Ши метар хиллал дегI а ду. I30 кийла веза а ву. Цу тIехь шеца лата кхойкху цуо мелла онданиг. ЭгIазчарна карцер чохь хIума туху цуо. Интеллигенташна, шайн могIарера цу чу нисбеллачу милцошна тIехь таIзар деш чIогIа самукъадолу цуьнан. Наггахь шен куьйгаллин  кIелахь берш а кхойкху, къа ца хиеташ етта царна а.
Ткъа хIинца Демчукан буйна кIел, цо-м буй тухий сту а божабо, бохуш дуьйцура, Зеба нисвели-кх. Зебин дахаран некъ дика теллина Демчука. Шел и пхи шо жима вуйла а хаьа. Ша а цхьана хенахь спортхо хилла дела, хIора Iуьйранна Зебас лелошдерг хIун ду хьажа лиира цунна. Демчук ца вешара, и хелхарш дарх хIун нислур ду. Шел шозза вайн, вуткъа волу Зеба, ша варзап санна болу шен буй цкъа коьртах тохахь и корта отур бу, аьлла хийтира Демчукна.
Делахь а Зеба дукха каде хиларна, атта каравогIур вац-кх аьлла и жимма гIелвархьама цхьана кIиранна карцер чу воьллира иза. И хала хIума а ду, муьлхха могашалла дIайоккхуш – чохь тIуьна а ю, матардоьлла пенаш, туберкулёз, хIуъу хила тарлуш а. Юург а ледара ю. Коша чохь санна ду-кх цу чуьра хьал.
КIира чекхдолуш,Зебигахь хIун хьал ду хьажа веара Демчук. Ткъа вукхуьнан бIаьргаш лиепаш ду, ийзалуш а вац кхунах. Кхин цхьа кIира а цу чохь даккха хан тIетуьйхира Демчука. Делахь и хан чекхъялале буйнаш кIамлуш лата лиира цунна.
- Цхьа таро ло ас хьуна, - кураллаш йо Демчука. – Рингехь хьо дийна висахь, вехар ву. Ткъа ас хьан корта атахь – кхоллам бу-кх иштта!
Зеба лийча а лийчийтна, тIеюха мего бедар елира – цхьа сурт хIоттор ма дара хуьлушдерг. Зебина хьалха дика шун а хIоттийра. Ша оццул чIогIа меца велахь а, жимма хIума кхаьллина хьалагIаьттира иза. Цул тIаьхьа  ханкхаьчна бугIа санна, оцу ринга тIе вигира.
Аьхке яра. Делкъие. Тов яра. Кораш а диллина арахьуьйсуш колонин белхахой бара. Юххехь ши чардакх дара шайна тIехь лаьтташ цхьацца гIаролхо хилла ца Iаш дерриге а гIарол дара шайн герзаца. Тутмакхийн баракаш дIанехьо яра. Тхевнаш тIе а бевлла, цигара схьахьоьжура уьш. Ткъа Демчук хьелуш ву, гучу ца волуш. Зеба а тIехьаьжна шеквоцуш, шен меженаш хьееш хелхар деш ву. Цхьа сахьт ах сахьт даьлча, тIехь спортивни духар а долуш, гучуволу Демчук. Хьацар тоьхна ву иза. Зебига шен доккха куьг а кховдийна, цуьнан жима куьг Iевдира цуо. Важа шеквацара.
- Муха ву хьо? – стомма ду Демчукан аз. –Ас хьо Iаьржаниг, ахь диехар дахь дIахоьцур ву. Нуй хьоькхуш, хьаштагI цIанъеш лелар ву тIаккха, хьа-хьа-хьа! НIаьна кIорни хир ю хьох…
- Хьо ю-кх и нIаьна! – дуьхьало йира Зебас, цуьнан буйнара шен куьг  схьа а озош. Вовшах тасаделла жIаьлеш санна, чена кIур а эккхийтина хьаьвзира и шиъ оцу готтачу майданахь. Юха цIаьххьана, коьртах варзап кхетча санна гондахьа лаьцначу аьчкан бойнах дIакхийтира Зеба. Лам санна дегI а дина, мохь хьоькхуш, шен даккхийчу буйнашца и вийна дIаваккха чухахкавелира Демчук. Цхьанне ган а ца гира, цхьа кхиета а ца кхийтира Зебас динчух – Демчук  веълара а вахна, урс хьаькхна бугIа санна Iаьхира, цуьнан Iахар ца хозуьйтуш маьхьарий девлира зонин кертахь. Юха шозза тапча елира. ТIаккха – тийналла!
Воьжна Iуьллучу Демчука гучу яьккхина «Вальтер» тапча хиллера. И гинчу Зебас ког тоьхна схьа а яьккхина, «Хьо ю хьуна нIаьна», аьлла шозза цуьнан коьртах тапча тоьхнера. Законехь, кхузахь хIун закон ду, эццахь чардакх тIера чу тоьпаш туоха йиезаш хила мегара. Цхьа а топ ца кхоьссира, мелхо а зонин  керлачу дас: - Ма кхоссалаш топ! – юха Зебига, - Охьа кхосса герз! Охьа вижа! Куьйгаш тIехьа дахийта! – Зебас шега бохург дира.
Советан пачхьалкхехь цул  луьраниг а къайладоккхура. И санна долу гIуллакх суьдехь мухха толлур дара. Цул сов Демчук массарна ца виезара. И ша шена а тоьхна велла аьлла, акт а хIоттийна, Зеба Магадане дIахьажийра.
ГУЛАГехь оццул шерашкахь чекхволуш шен цIе ларъян атта дацара. Милла а кхиверг цхьанхьа галвала тарлора и беха некъ кIордийна, малвала йиш яцара – гондахьа мостагIий бара, кхунах кхоьруш а, хьоьгуш а, хIара шен даржера вуохо сатуьйсуш. Амма Зеба къарцалуш, шен амал ца хуьйцуш, нийсонний, бакъонний тIера ца волуш схьавогIура. Ткъа къуй а, айкхаш а ямартло а, тешнабехк а бан кийча бара.
КхузткъеитталгIачу шерашкахь Зебин Москвана герга йолчу зоне сиехьавала аьтто хиллера. 1975 шарахь Толаман 30 шо кхочуш кечъеш шуьйра амнисти яра. ГIеметта хIоьттина волу Зеба, араваларе сатуьйсуш вара. Кавказе, Нохчийчу цIа а вахна, зуда ялийна, шен 53 шо делахь а, доьзал а болийна маьрша Iийр вар-кх, бохуш ойла йора цуо.
Шен дегI а, кеп а ларъеш схьавогIуш а вара иза, оцу  халчу хьелашкахь а. ТIаьххьара а Москвана йисттехь йолчу «цIечу» зоне кхоьссира иза. Цига гулъелла яра тутмашна юккъера къуйн а, айкхийн а тоба. Низам къовламе долуш, кунг-фу бохург лиело ца магош дара цигахь. Амма Зеба къарцалуш, цхьа тIулг отучу ор чу а вуссуш, цигахь шен «китайски» хелхарш дан волавелира. Оцу ор чу белхалой охьа биссийта а, хьалабовлийта  хIиттийна гIоьнан ламеш дара. Царна тIехула тесна шуьйра аннаш а долуш. Зеба оцу ламеш тIехула чувуссуш, хьалавуьйлуш, уьдуш хуьлура хIора Iуьйранна…
Толаман Де даздеш мукъа де дара. Даима санна хьалххе гIаьттина гIоьнан ламеш тIе хьалавелира Зеба. ТIулг отучу чорхан кхимарна тIехула Iуьллуш долу у херхаца хадийна хиллера тутмакхаша. Зеба цу уьн тIе ваьлча  и у кагделла бухарчу кхимарчу вуьйжира. Лахахь и чувожаре хьоьжуш лаьтташ кхин ши тутмакх а хиллера. Цара тIе пIелг а таIийна тIулгаш охьу чарх болх бан йолаялийтира. Йоккхачу гIовгIанца хьаьвзира чарх. ХIинца-м тIулгийн атарш арайовлучохь Зебин атарш гучуяларе хьоьжуш болчу царна  цхьа цIех юьзна букъарш гира. Лакха кхимаран берте хьалабевлча инзарбевлира уьш. И кхимар цхьа метар ах метар шуьйра ю. Зеба бухарчу берана тIе вуожа виезара. Цул тIаьхьа чархо чуозийна ахьа виезара и. Ткъа иза Зеба ма вара!  Могуш долчу  дегIехь ондда са ма ду. И кхимар йиъ метар лекха яра. ЦIаьххьана ша чухецавелча, ойла ян юкъ ма яц цигахь. Амма иза вулавелла ши куьг а, ши ког а дIа а гIортийна кхимарах хьалатасавелча цара чарх йола а ялийтина чуийзо волийна иза. ДегIан йозалла охьатиеIавора. Ишта вала хьакъ вацара Зеба. Цундела хьалагIертара иза. Хьалакхаьчна волуш воллура и ши тутмакх чухьаьжна. Хийла хIума гина волу и шиъ инзарваьллера. Цхьаъ и сурт гина Iадийна Iеттийра.  Юха  дIаведира и.
- ХIара шайтIа ду!
ШолгIаниг Зеба юха цу кхимар чу тата гIоьртира.  Цуо мелхо а Зебина гIо дира. Цунах тасавелла хьала вала аьтто хилира Зебин. Ткъа и тутмакх оцу кхимарна чувахийтира Зебас. ЦIий дIаиэхарна лийр вара муьлхха кхиверг. Зебин дог ондда дара, дегI а могуш дара.
Тутмакхаш хилла ца Iаш, колонин белхахой а бара хиллачух инзарбевлла. Массо а гIо дан гIертара. Юххерчу больницера лоьраш  схьабийхира, цIий эшча, цIий дIадала йоккха рагI дIахIоьттира, Зебина дарба лиело ахча гулдеш а бара и къен тутмакхаш. Буса, Зеба дIаваьлла аьлла хаам хилча, ерриге а зона карзахъелира. ГIаттам ала-м мегар дацара цунах. Цхьа кхайкхам, дIахьиедар санна хIума дар-кх иза. ХIора жимма а ша шеца ларам болчунна цхьана буьйсанна  я цхьа сохьтехь хилла Зеба санна майра хила лаьара! Стаг хила лаьара! Къийсамхо хила лаьара! Зебина  тешнабехк бинарш а муьлш бу хууш бара массарна а. Сахилале уьш массо а садукъдина, цистина хIаллакбира.
Зеба дийна висира. Уггара хьалха Москвана юххехь нисвалар бахьана а долуш. Кхузахь бехаш-Iаш и вевзаш болу, лоруш болу, зонашкахь Зеба вевзина а, цуо шайна гIо дина болу нах хиларна а. Царех цхьаболчара гIо дира. Амма Зеба хьалхалераниг вацара. ЗаьIапхо вара. Аьрру когах диснарг даьIахкий, чкъор бен дацара. Иза аьлларг деш а бацара. Аьтту ког а бара изза сакхт долуш. Ах Зеба вар-кх виснарг. Юха сатийсина йолу амнисти хилира. Иза а Зебина кIезиг гIоле луш яра. Чохь даккха дисначу ворхI шарах пхи шо дIа а даьккхина, шина шарахь билгалйинчу меттехь маьрша ваха бакъо елира цунна.
- Хууш ма-хиллара «маьрша ваха» бохург курортехь доцуш, цхьана Сибрехарчу къакъаршкахь билгалдеш дара, - кхин дIа а дуьйцура Алексей Николаевича. – Красноярскана гена йоццуш йолчу Канске вахийтира иза. Зоница дуьстича, маршо лара мегар долуш хьал ду иза. Ткъе вуьрхIийтта шарахь чохь ваьллинчу Зебина. Ткъа зонас шениг дIаэцна. ХIинца иза заьIапхо ву, гIудалкха тIехь бен дIасалиела аьтто а боцуш. Цхьаммо елла ша-шаха лиелаш гIудалкх яра цуьнан. Амма иза ша вехначохь  йохийнера цуо. ХIаъ, Зеба мала вуолавеллера. Больницехь волуш, дегIера уггаре а коьртаниг – синера лазарш дайдархьама спирт мала магийтнера цунна лоьраша. Чам баьккхича цуо жимма гIоли еш а хийтира. ХIетахь дуьйна къанлуш лаьтташ марзделира цунна и гIуллакх. Цул тIаьхьа цигаьрка оза а вуолавелира.
Доцца аьлча, кхиболчу тутмакхех дIатарвелир-кх. Нагахь санна, зонехь спирт каро хала делахь, кхузахь ахча хилчхьана тоьуш ду. Ахча Зебигахь даима а хуьлу. Кхузарчу хьелашца дуьстича, иза чIогIа хьалдолуш стаг ву. ЗаьIапхо хиларе терра, пенси а ду цунна луш. Цул сов наггахь почтехула ахча догIу цуьнан цIарах, цхьацца совгIаташ а хуьлу.
Уггаре алсам ахча и волчу богIучу наха лучух тера ду. Оцу къакъаршка и волчу хьажхIотта а, шайн цхьацца гIуллакхаш нисдахьара, олий богIу уьш. Зебас нийсонца къастадо муьлхха чолхе гIуллакх. Ткъа нагахь санна хало гIуллакх  нисделча, кхо бIе чакхарма генахь йолчу райцентре а вуьгу хIара, телефонан зIе йолчу.
Зеба, набахтехь  кхиъна хиларе терра, цу хьолехь висна. Оьшуш а, лоруш а ву. Хьалха ша динчух пайда оьцуш а ву. Амма хууш ду, Зеба ахчанах тамаш беш воцийла. Шегахь дерг комаьрша духкуш а ву. Дукха нахана гIо дина цуо: тхов туьллуш, пеш йойтуш, дIасаваха некъана ахча луш, ерриге а юьртана дагуо дечиг оьцуш, ишколана кораш хуьйцуьйтуш.
Ткъа сакъоьручохь къаьсттина комаьрша хуьлу иза. Зударшца уьйр йолуш а ву иза тIаьхьарчу хенахь. Шовзткъе итт чакхарма дехьарчу цхьана юьрта кхайкхинера иза. Шун а хIоттийна, Зеба тхьамда а волуш сакъоьруш Iаш, меттигерчу зударшка бIаьрг бетташ Iачу Зебига аьлла хиллера цхьаммо, шайн юьртахь Кавказера цхьа зуда ю аьлла.
- Мичахь ю иза? – Хаьттинера Зебас.
- Ишттачу меттиганшка оьхуш яц иза. Цхьанхьа а ца йоьду. Хьуна а товр яц иза. Цхьа ирча ургIал санна лекха а йолуш, аьрзун санна чухьаьвзина мара бу.
- Суна и Кавказера йоI ган лаьа, - элира Зебас.
ЙоIе схьакхайкха хьадалча вахийтира. Ца еара иза. ШолгIа вахийтича а ца еара. ТIаккха Зебас элира:
- Кавказера къонах ву ала цуьнга кхойкхуш. Нагахь санна и Кавказера елахь, шел воккхах волчу соьга маршалла хатта ца йогIуш, Iийр яц иза.
ТIаккха схьаеара иза. Цуьнан цIе Русудан яра. Кхузахь цунах Руслана олура. Цуьнан ткъепхийтта шо сов хан яра. Амма дегIана онда хиларна кхин а къена хиетара иза. Юьртарчу массо а божарел а лекха яра иза. Хьалхалера Зеба лоха хир вара цул а. ткъа хIинца цунна хьалха берс санна хиетара хIара. Русланин шуьйра белш а, даккхий куьгаш а дара. Биезамехь стаг ю ала мегар дара цунна – шера кIайн чкъор, таьIна сийна бIаьргаш, юькъа Iаьржа месаш. Мара бар-кх боккха. Шен дех тера ю олура цунна. Цуьнан да – гуьржи. Хан тоьхна кхуза хьажийнера тIом балале хьалха. Кхузахь цхьана зудчуьнца Iаш вара иза. Цуо кIант винера, дукха хан ялале и кIант велира. Цул тIаьхьа Руслана дуьненчу елира. ТIом баьлча гуьржи дIавигира. Цуьнгара кхин хаам ца хилла. ЙоьIан нана цхьа бодане зуда яра. Русланас, ша йоккха хилча, шен дех хилларг теллира, хууш хIума дацара. Иза а, цуьнан нана а шайн гIийла бахам а болуш, даьхни а лиелош шаьшшиъ Iаш ю. Меттигера юьхьанцара ишкол  чекхъяьккхина  йоIа. Райцентрехь интернатехь диеша ца яхийтира иза шен нанас. Шайн хассий, даьхний бен кхин дуьне гина яц Руслана. ЧIерий лиеца а, жIаьлинускалш гулдан а йоьду и наггахь. Доцца аьлча, Руслана а, цуьнан нана  а нахах къаьхкина Iаш ю. Цкъа бен оцу доьзалх дийца хIума ца даьлла.
КхIузткъалгIа шераш чекхдолуш кхуза цхьа керла тоба хьажийнера. Царна юккъехь Фёдор бохуш цхьа лекха а, онда а стаг хиллера. Русланехь бIаьрг кхетта, цуьнца эвхьазвала гIоьртинера иза. ЙоIа аьттехьа ца вуьтуш эккхийнера Фёдор. Амма иза соцуш вацара. Гурахь, даима санна хьуьна юккъе яханера йоI. Фёдор цунна тIаьхьахIоьттинера. Ткъа Русланин гена йоьдий дийнахь сарралц лиелаш Iедар дара. Сарахь даьсса тускар а долуш цIаеънера иза. Цул тIаьхьа Фёдор кхин гучу ца ваьлла. ТIаьхьуо хиира хилларг. ЙоIа шена  тIаьхьа  уьшал чу хьехна хиллера Фёдор. Русланина некъ хууш хиллера, ткъа Фёдор уьшало чуоьзна къайлаваьллера, хи тIехь куй бен ца буьсуш. Цу хьокъехь Руслане хеттарш динера Iедалан белхахоша. Шена хууш хIума дац аьллера йоIа.
Цул тIаьхьа кхин а чIогIа нахах къиехка юьйлира йоI. ХIинца массо а цецвоккхуш кху тойнехь гучуелира Руслана. Массарел а чIогIа цецваьллера Зеба а. Малар совдаьллехь а, я баккъалла йоIе биезам бахнехь а, Зебас элира:
- Руслана! Со тIехьаьжина эгIаза велахь а, хIинца а боьрша стаг ву. Вайшиъ кавказхойн цIий долуш а ду. Соьга йолахьа.
Руслана йист ца хуьлуш дIаяхара. Зеба а, ваставелча дегабаам а бина кхин хьие ца луш, шен юьрта дIавахара. Юьртан йисттехь цхьана лаппагIи чохь Iаш вара иза. Цуьнца кхин шиъ хIара ларвеш гIоьнча а вара. Iуьйранна цхьаммо неI тоьхча, цара схьайиллира.
- Со хьо волчу еана, Зеба,- Руслана ю лаьтташ, йоккха шира чамда а йолуш шеца. Зеба вистхилла валале, шегара и еза чамда чоьхьа а яьккхина, шен коьртара йовлакх дIадаьккхира йоIа. – Кху чохь боьха а ю. Цигаьрка ийзина. Дика дац.
Русланин лаам кхочушбеш, кхин IалагIожа а, той а ца дира. Цхьана даха хиира и шиъ
Зебас цхьа ханнийн цIа догIийта диеза элира.
- Хьо марша ваьллачул тIаьхьа, мичахь  Iийр ду вайшиъ? – хаьттира Русланас.
- Кавказе Нохчийчу дIаваха сатуьйсу ас, - элира Зебас.
- ТIаккха цигахь вайн доьзална цIа а дийр ду вай, - сацам бира Русланас.
Оцу доьзалехь хьалхелиелаш яра и. Цуьнан лаам кхочушбеш Зеба а хийцавеллера – кхечу кепара кечлора, цигаьрка а, къаьркъа а дитнера. Шега ялучу кепара кунг-фу еш, чIерий лиеца воьдуш хуьлура. Воьдура аьлча а, Русланас шен ги а вуллий хIора дийнахь дIасавуьгура и. Цуьнан лерехь даима шабарш дора Зебас: - Суна эхь хиета, ахь со бер санна лиелош.
- ХIе, Зеба, Зеба, сан хьомениг, - олура Русланас. – Сан хьоме, ас дукха сатийсина волу сан Малх! Хьо мел къонах ву хаьахьара, кхечу зударша соьца къуьйсур вара хьо, дIаваккха гIерташ. Ас дIа-м лур вац! ХIуъу хилча а, цкъа а! Хьо бакъволу къонах ву. Вайшиннан бераш а, берийн бераш а хьоьстуш уьдур ву хьо. Зебас дуьхьала хIун олур техьа? ХIун эр дара цуо? Шен дахарехь дуьххьара езаелла а, виезаш а вара иза. Ирсе а вара. Шен дахарехь дуьххьара кхечуьнан лаамна муьтIахь вара иза хаза а хиеташ. Цуо синтем а, там а бора цунна. Амма Русланина муьтIах хиларх, иза нахах къиехкаш вара бохург дацара. Мелхо а цуьнан дахар цхьана керлачу маьIнех а, чулацамах а дуьзнера. Иза юха айъавеллера, шен тутмакхан дахар чекхдолуш, меттигерчу адамашна шех лаьцна цхьа сийлахь дагалиецам бита лууш вара иза. Юьртахойн дехарца некъ тобан тIелецира цуо. Русланас дешна йолу меттигера юьхьанцара ишкола цIанъян а, тоян а сацам бира. Русланин нанна керла цIа а, баня а йийр ю элира.
Оцу дерригенна а шортта ахча оьшура. И ахча почтехула, хьадалчашкахула, кхечу агIора схьаиэха дуоладелира. Ткъа кху меттехь ша-верриг а бохург санна зуламхой ма бу, хьенан хIун лачкъор яра техьа бохуш хьийзаш. Иштта цхьана буса тIегIоьртина хиллера уьш. Зеба даима санна сема ма ву Цхьа хIума туосаделла меттаххьайнера иза. Руслана а самаяьллера. Ткъа талорхой эхьдоцуш ма бу. Цхьа-шиъ хилла а ца Iаш, йоккха гIера хиллера. Чуьрнаш самабевллий хиъча кхин а аьрха тIегIоьртира талорхой, цхьаберш неIарехь, вуьйш – корехь.
- ЭхI, - шен гIорасизаллехь узар иккхира Зебин. Цуьнан жима тапча ю.
- Со оцу гIента охьа а хаавай, дехьа чу ялий дIатаба, - боху цо Руслане.
- ХIан? – оьгIазъяхара важа. – Хьо цхьа витий? Царна хьо ца вевза, Зеба? – мохь туьйхира цуо.
Арахьарниш хIинца шаьш тиеба ца оьшу аьлла,  даррехь неIарх диг а детташ чугIоьртира уьш. Коран бIаьрг а буьйхира.
- Ас гойтур ду шуна, лаьхьарчий!
- Саца! – мохь белира Зебига. Амма тIаьхьа дара. Русланин доккха дегI корехьа хьаьдира. Юха цхьа доккха IиндагI санна, бешаш лаьтта лайн барз санна, узарш а деш охьаяхара иза. ТIаккха шегара тапча йиттира Зебас оцу корехьа а, неIарехьа а хьиежош. Кхуьнан патармаш кхачийча, шен доттагIийн аьзнаш хезира:
- Зеба, Зеба, дийна вуй хьо?
- Руслана, Руслана! – бохура Зебас. – Стогар латабайша, иза дийна юй хьовсийша! Серло лойша! Лор! – ГондIахула тиекхаш вара иза, лоьре кхайкха бозуш. Массарна а хууш дара, лор ца оьшийла. Дагах а тухуш масех урс тоьхнера цунна. Гайх тоьхна а хиллера, шайна ворхIалгIа бутт болуш, берах юйла хуъушехь. Шиъ Зебас вожийнера. Кхин пхиъ оцу лаппагIа чохь дийна воллушехь вагийнера. Бакъо йоцуш герз лелийна аьлла, Зеба бехкевира. Ткъа и тапча цо мацах Демчукера схьаяьккхина «Вальтер» хиллера, дашо варкъ диллина а йолуш. Иза хIинца а цуо лиелош ю. Кхин а шортта хан туьйхира Зебина. Вуьйхирий Зеба? Русланан ер муха лайра цуо? Хала лайнера. Юха а мала вуолавелира, цигаьрка а узура. Амма вуоха ца воьхнера. И саннарш ца буху. Велла дIаваллалц къуьйсур долуш ву иза. Цо толам ца баьккхинехь а, иэша ца эшнера иза. Цхьанна а хьалха хьесталуш а вацара.
ЗаьIапхо а волуш, юха а набахте кхаьчча, цигахь къинхиетаме сатийса меттиг бацара, хIора сохьтехь хьан цIе ларъян йиезара, Зеба ша ма-хиллара вара! Юха а шен кунг-фу ца юьтуш къахьоьгура цуо. Набахтехь кхин а цхьа къена кореец нисвелира цунна. Цуо элира: «Хьо чIогIа лууш велахь, когаш тIе хIоттор ву, ас гIо  дийр ду». Цуо дарба а лиелош Зеба кога ирахIоттийра. Разваьлла велахь а, шен когаш тIехь лаьтташ вара.
- Мел лаьттар ву-м ца хаьа, - гIийла чекхдаьккхира Алексей Николаевича шен дийцар.
Тхан бурам сан бригада йолчу тIекхочуш дара. Сан куьг а къуьйлуш бохура цуо: - Зеба – цхьа мур бу! Чекхболуш  лаьтта мур. Иза дика а ду, вуон а ду. Иштта ду-кх дахар. Кхо шо хьалха Зеба кхуза схьаваийтира маьрша Iие аьлла. Кузара дахар мел хийцаделла аьлча тиешар вац-кха хьо. Кхузахь, хIокху кIажахь, хIокху къакъаршкахь нийсо а, низам а дIахIоьтти-кх. И ду-кх цIе йоккхуш адам хилар. Зеба цIе йолуш а,  наха шен цIе йоккхуш а стаг ву. Майра стаг ву! Зеба цхьа лам санна вара, - шена халахетташехь яханчу хенахь санна элира сан некъахочо Алексей Николаевича
Ткъа тхуна тхан отрядана кхин цкъа а накъосталла дира цуо. ТIаьхьарчу шира кIиранах де-буьйса ца лоруш къахьегнера оха. 30-чу августехь билгалдина ма хиллара чекхбаьккхира оха и болх. Беркеманахь схьакхаьчначу комиссино тIеийцира и некъ. Акт а хIоттийнера. Хьалха бинчу бартаца, тхуна хьем боцуш алапа схьадала диезаш дара. Амма Томскера баьхкинчу комиссин декъахоша шайгахь ахча а дац, я хила а ца диезара, элира. Царна тIедиллинарг и болх тIеэцар а, отряд Томске  дIакхиетор а дара. Сихонца дан диезаш а иза, беркема ахча а делла далийна ду.
Тхо тхешан хIуманаш беркеманна тIейотта дуьйладелира. Массо а сихха цIакхача лууш вара. ЦIаьххьана дагатесира, Томскехь тхоьга хьоьжуш Iаш мила хир ву?  Цигара дIа Москва муха кхочур ду тхо? Тхоьгахь ахча а дац, я и Москвахь схьалур ду, я дац а ца хаьа. Ша отрядан куьйгалхо хиларе терра, Максим цаьрца къийса волавелира. Беркеманан пилоташа шайн рацица Москва зIетоха аьтто бара. Цигара хаам хилира, тхан отрядана догIу ахча кхузахь схьадала диеза аьлла. Юха къовсамаш бевлира. Томскехь Москва дIадаха мукъане  ахча хилийта бохура оха. «Томскнефтегаз» тхо дIадигчахьана йолуш ю, ахчанца шайн бала а бац, элира. ТIаккха оха сацам бира кхузахь совца. Буьйса яккха меттиг а, мелла елахь юург  яра кхузахь. Уггаре а коьртаниг, бинчу бартаца чекхдовла диезара тхан. И ца дахь, тхуна ахча даллане а ца дала мегара.
Буьйсанна юккъехь дIадахара и беркема. Тхуна моьттура тхо бахьана долуш пачхьалкхан тIегIанехь гIовгIа хир ю. Мухха елахь а юхадIахIоттор ма дара дуьйцуш. Ткъа кхузахь тийналла ю. Тхоьца бала болуш адам а дац. Иштта  цхьа-ши де долу. ТIаккха сой, Максиммий бурамца районе а вахна Москва зIетоха дагахь вара. И зIе а юьйхира, зIетоха а ахча кхачийча, Зеба дагавеара тхойшинна.
Зеба хьалха санна больницехь вара. Тхойшиъ чоьхьаваьлча, капельницина кIелахь Iуьллура иза. Шегахь ледара хьал делахь а, тхо гича, велакъежира, процедура чекхъяьлча, хьала а гIаьттина, тхойшиъ маракъевлира.
- ГIийла ма ву шуьшиъ. Суна-м Iодика а ца еш шу дIадахна моьттура, - жимма Iоттар а йина, шена дерриг хуучух терра элира. – Нийса дац. Массанхьа а санна. Дийцал. Оцу тентакашкара кхин хIун дера дара.
Оха доцца дIадийцира хилларг.
- ХIа-а, кхиеташ ду… Эрмалоша и болх бина хиллехьара, ахча а карор дара. Шайн кхаъ схьа а иэцна дIалур дара. Ткъа шу – Москвара. Кхаъ лур бу ца аьллера аш. Лур а бац, бала а ца оьшу. Цундела шуна дала ахча дац. Москва дIахьажийна. ГIуллакх ледара ду.
Зебас коре а вахана цигаьрка латийра.
- Массанхьа а ишта ду, - элира цуо, корах ара а хьоьжуш. – Пачхьалкхе юхуш лаьтта. Гуш лаьтташехь юхуш ю. Цу дийне со вер воцуш халахиета-кх.
Сой. Максиммий вовшашка хьаьжира. Цу тайпа дешнашка ладегIа кхиераме хиетара. Делахь а тхойшиъ ладоьгIуш лаьттара. Ткъа Зеба шена гуш долу хиндерг дуьйцуш вара:
- Пачхьалкхе йохар дика болх хир бац. Адамийн амалш хийцалур яц. ТIехь Iу воцуш мегар доцуш халкъ ду хIара. Чимтосург чу а таIийна цигаьрка дIа а йойуш вехха корах ара хьоьжуш а лаьттина, кхин къамел долийра цуо:
- Гуьйре ю. Ма сиха маждели гIаш. Денош дацделла. Дахар а цхьа мурст санна тIехдели. Х-м. Дахар дар иза? ХIора дийнахь Iожалла тIекхочий хьоьжуш, летта со. Эрна хила а мега. Ца хила а мега. Ас дукха нахана гIо дина. Делахь а, Iожаллех кхоьруш вац со. Цхьа сатийсам бу-кх, кхузахь а ца леш, маьрша а ваьлла Кавказе кхача. Амма гIора дIадаьлла.
Тхоьга схьа а вирзина, цIена къаналлица велакъежира иза. ХIинца хаабелира суна цуьнан багахь кхиема хилар.
- ГIора дац, - юха элира. – Ткъа мел дара! Мел къийсира, лийтира, лайра. Дерриг а эрна хилла-кх.
- Нагахь санна юха оцу новкъа чекхвала дезча? – хаьттира Максима.
- Юхий? – Зебин цхьаъ бен боцу бIаьрг таьIира. – Кху адамашна юккъехь? ХIокху пачхьалкхехь? Гуора а хIоьттина? Ца ваьхна. Ца лаьа.
- Дагахьбаллам буй хьан? – хаьттира Максима.
- Бу. Вежарий ца ларбарна а, Кавказехь цIа ца дарна, кIентий ца кхиорна сайн бехк хиета суна. Делахь а, бакъдерг аьлча, кху дахарехь шаьлта санна нийса дIахила мегар дац. Оццул онда долу Обь-хи, - корах арахьаьжира иза. – Хьийзаш, кIеда некъ хоьржу Iапказе кхаччалц дIадоьду. Дахарехь а иштта хила диезий техьа? Соьга и ца даделира, ца лаьара, дохко а ца ваьлла.
- Дахаран маьIна хIун ду? – хоьтту Максима.
- Дахаран маьIний? – оцу хаттаро ойла яйтира цуьнга. Шен маьнги тIе охьа а хиъна, жимма ойлане ваьлла а Iийна, ша-шега бохуш санна, - Дахаран маьIна хIун ду-м ца хаьа суна. И хууш цхьа а хир вац. Хаа йиш а яц. Делахь а, айса цуьнан ойла йина кху тIаьхьарчу хенахь. Со кху хене вер ву моьттуш вацара со. Сан дахар маьрша дацара, я самукъане а дацара. Гондахьа – акхарой а, жоьлгаш а, лай а бара. ХIора секундехь вулавелла вара со, мала вуолавелча а. Амма вала кийча а вара. Маршо а, нийсо а къевсинчохь вала кийча вара. Делахь хIета сан дахаран маьIна ас гулдинарг ду-кх – къинойн хIорд. Амма ас сатедина тIеоьцур ю Iожалла, чаккхе а йоцуш, тIаьхьие санна. ТIаккха дахаран маьIна – синтемехь Iожалла тIеэцар ду-кх, айхьа лиелийнарг эрна доцийла а хууш.
Цхьа кIеда-мерза вела а къиежаш тхойшинга хьаьжира иза.
- Шун со кхузахь дахарх тийсалуш Iаш ву моьтту хир ду. ХIан-хIан, со цхьанна чIогIа виезаш ву. Дуккхаъ нахана оьшуш а, пайдехь а ву. Масала шуьшинна оьшу со хIинца. Иштта дуй и?
Зеба хьалха санна велакъежира. ХIун эр ду ца хууш, кортош охьа а таIийна лаьтташ вара тхойшиъ. Зебас юха а хаьттира:
- Мел ахча дала дезаш бу уьш шуна?
- Кхузткъе ялхийтта эзар сом, - элира Максима.
- Дукха дац, - элира Зебас. – Сутара пачхьалкхе. Иза  а схьацалуш. Схьа лур ду. Таьжгенаш лиелийна, дог этIийна мацца а делла схьалур ду. ХIунда? Ас хIетахь юкъа а гIоьртина оцу эрмалошкара схьабаьккхина и болх шуьга схьабалийтина дела. Нийса дира. Цундела чекхдаллалц ас  листа диезаш гIуллакх ду хIара.
Иза хьалагIаьттира, мохь туьйхира:
- Егор! – дехьачуьра Егор неIарех лаьтташ вара. – Егор, сан бедар схьая, машен а схьакхайкха.
Гучувелира лор: - Зеба, хьуна мегар дац. Iилла виезаш ву хьо.
- Со волчохь хьеший бу, - лоьран белшах дай куьг туьйхира Зебас. – Хьажал, мел товш бу сан махкахой. Кавказехь хьаша веза ву!
- ХIара Кавказ яц, Сибрех ю, - реза вац лор. – Хьо чIогIа цомгуш ву.
- ХIан-хIан! – пIелг хьалабахийтира Зебас. – Махкахойн сингаттам а болуш, цомгуш ву бохург хIун ду!? Егор! Машен схьакхайкхиний ахь? Банехь шун хIоттаде. Хьешашна Сибрехарчу лаьттан комаьршалла гайта.
Важадерг гIенах санна дара. Цкъа хьалха тхойшиъ хийистехь цхьана исбахьчу меттехь лаьттачу бане вигира. Цигахь кечъеш гIаз яра. ХIоттийна шун а дара. Цхьа ши сахьт далале схьакхечира Зеба:
- Шун  гIуллакх  дийцина   даьлла,   -   воккхавеш    ву   иза. – ХIинца сакъоьрур ду вай! ХIа! Хьо хIун деш ву мала а ца молуш. – Соьга боху цуо. – Нийса ду, нохчий молуш бац.
Ша а дукха ца мелира цо. Буьйса юккъе яххалц, самукъадаьлла тхоьца а Iийра. Iуьйранна хиира тхуна, буса вон хилла Зеба больнице дIавигнера Егора. Зебин Iодика яр ца хуьлуш, бурамна тIаьхьадуьсуш дара, тхо дIадахара.
Зебас ма-баххара нисделира тхан гIуллакх. ШолгIачу дийнахь тхо дIадига беркема деара. Томскерчу аэропортехь тхоьга хьоьжуш автобус яра. Вокзалехь тхо схьакхачаре хьоьжуш чехка цIерпошт цхьана сохьтехь сецийна хиллера. Тхуна леррина цхьа плацкартни вагон а хиллера. Цу чохь дукха даарш а дара, цу хенахь ахчанах иэца ца карондерг а тIехь. Ткъа ахча, тхан коьртаниг, къаьстина дац. ГIеххьа дог доьхна Москва дIакхечира тхо. Вокзалехь тхоьга хьоьжуш цхьаъ ву-кх.
- Куьйгалхо мила ву? Максим муьлха ву? Зебас даийтина хIара, - цхьа ларча схьало. Цу юккъехь кхузткъе ялхийтта эзар сом. Аш новкъахь мийларна кхоьруш, Томскехь дIа ца луш Iийнера. ХIара сан визитка ю.
Тхо цецдевллера. И стаг дIаваха воьлча, Максима хаьттира:
- Ахча схьаэцна аьлла куьг яздай оха?
- ХIун куьг? Зебас аьлла хилча!
Цхьа ши бутт баьлча октябрь чекхболуш хала-атта Максима схьадаьккхира тхуна догIу ахча. Декхар дIадала дагахь Максима телефон туьйхира оцу стаге.
- Кху деношкахь Зеба дIаваьлла, - элира цуо. Со Iожаллех кIелхьараваьккхинера цуо. Со ваьккхина а ца Iийнера. Зеба!

8 апрель, 2005 шо.
ХIаъ, тахана 8-гIа апрель. Ас сайн йозанашкахь терахь хIоттийначул тIаьхьа кхо бутт хан яьлла. Зебех лаьцна долу сайн дийцар терахьашца доькъуш цеста ца лиънера суна. Цунах лаьцна а дийнна цхьа ша къаьстина таллам хила безаш бара. Сайга далург доггах дан хьаьжира со. Муха хилла? Зеба инзаре адам дара. Ша къаьсттина а волуш. Цунна тоьшалла деш дара кхин цхьа бакъдерг а.
I0-чу январехь Америкера схьа а веъна, балха аравелира сан радиолор. Цу дийнахь таллам бича, соьца радиаци яц. ШолгIачу дийнахь со араволуьйту аьлла хаам Австрехь йолчу йоIа бо соьга. Соьга хьажа Москва схьавогIуш нуц а ву боху. Цу тIе даьлла-кх сан гIуллакх. Ткъа хIара со чохь волу камера чIогIа кIордийна. ХIокху йозанаша гIо дора. Соьгахь  сингаттам бу: кху чуьра цхьа а хIума араяккха йиш яц. Ткъа сан йозанаш?
ЙоIе хаам а язбина, цуо радиолоьраца къамел а дина, шена ахча делча, бакъо яла а мегара. Цу хьокъехь йоIе ала а ца лаара. Кхиетар а бацара. ПохIман мехала йозанаш! Кху чохь со дуьххьарлерниг а вац. Я со яздархо а вац. Кху чуьра хIума араяккха бакъо а яц. Делахь а, суна аравала бакъо елла. Айса яздина кехаташ мара а доьхкина лаьтташ ву со. Камераша суо тергалвойла а хаьа суна. Соьга зIе туху.
- Массо а хIума палати чохь йиса йиеза, - боху соь лоьро.
Со хIуммаъ алалуш вац. Даг тIе куьг а диллина лаьтташ ву.
- Хьан йозанаш дуй уьш? – хоьтто цуо. – Сох лаьцна дуй цу тIехь? Дикачу агIор яздиний ахь сох лаьцна? ХIаъ. Куьйга йозанаш догуш дац, боху. Со еша лууш ву. Литература зене хила йиш яц. Оцу гIудалкха тIе охьадилла… ДегIах хи кхарза хьайн.
Куьйгайоза охьадилли ас. Ванни чуьра гIуллакхаш лазаме а, хала а ду суна. Сан ойланаш йозанех ю. ТIе хIума юха чу вахча санна, куьйгайоза пакет чу диллина Iуьллуш ду. Доккха хIума-м дацара и. Делахь а, мелла  тамашен а, хаа мегар долуш хIуманаш дар-кх. Сайн дагалиецамаш   бита со башха сийлахь адам а дац. Делахь а, ца яздича Iа ца луш, яздо-кх. Йозанаша сан сатедо, сан ойланаш меттаялайо. Яздархоша шайн хиетарг ца яздеш, хила диезарг яздо. Ткъа адамийн юкъаметтигаш хьахийча суна хиетарг дагадеъча яздан а ца лаьа. Со наггахь кху дуьнене иччархойн тоьпан турмал чухула хьоьжу. Ткъа пIелг дуьйлина лаг озо кийча бу. И топ мосузза кхуссу, доIа а дой меттавогIу со. ТIаккъа йозано гIо до суна. И шолгIаниг ду. ХIинца со яздан лууш ву, и гIуллакх диезаш а ву. Дукха хан йоцуш цхьана яздархочо аьлларг дагаоьху: «хьайн дагахьдерг дIаяздича хьо мегаш вацахь, туоха садоцуш хьуна чуьра и йоза арагIиерташ дацахь, яздан а ца оьшу. Иштта ца хилча, кехат биехдан а ца оьшу. Ткъа со-м яздеш ву, кехат биехдеш хила а мега. Иштта суна луург а дац иза. Айса сайн дахарера цхьа коьртаниг хIун ду хаа лаьа. Айса хIун дан диеза хаа лаьа. Муха хила виеза? Лаг озо диеза ас, я ца диеза? Диекха диеза, я гечдан диеза? И суна Шекспиран хаттар санна ду: «Хила, я ма хила?» Ткъа со Гамлет санна (бехк  ма биллахь, йиешархо, иштачу дустарна. ХIара йоза диеша-м мила хир вара. Делахь а). Жоп лоьху ас. И кароле хьалха, со кху хьоле муха кхаьчна хаа лаьа. Цундела шен-шен рогIехь яздеш охьадилла диеза хIара.
10-чу январехь со камери чуьра аравалийтира. Кхидолчунна йоIа гIайгIабира. Суна дуьхьал веъна нуц вара (ас цунах доттагIчун Маккхалан кIант олу). Тхойшиъ онкоцентре вахийтира ас. Сихонца сайн катетер цIанъяйта лууш вара со. Лазаме дац и гIуллакх, со цунах воьлла, мах а дIабелла царна. Делахь а ахчано галбаьхначу оцу сутарчу лоьрашна юккъехь йоккху хан дегаза хиета-кх. Къаьсттина хала ду сохьтехь стол тIехь, сайн радиолоьран хьийкъина, къинхиетам боцу юьхьсибат а гуш Iилла.
Делахь а церан болх бу. ХIуъу дийцича а, сан дахар оцу радиолоьрах дозуш дара. Оцу балхо кхобуш ву иза. Кхиболчу лазархошна санна суна ца виезара и. Делахь а, цунна муьтIахь вара со, сайна тIехь цуьнан олалла долуш санна. Иза а ву цомгуш нах шена декхарийлахь бу моьттуш. Бакъду, кху тIаьхьарчу хенан сан йоI, дарбалиелорна лушдерг доцуш, оцу лоьран шен счет тIехь ахча кхиехьийта йолаелчхьана, соьца мелла а къинхиетаме ву иза. ХIинца а, кхиберш цец а бохуш, ша аравоккху со. Ас цуьнга корта тиеIабо. Цо киснара блокноттий, ручкий гучуйоккху. Блокноттий, ручкий оьций тхо хуьлура цунна тIаьхьадовлий лиелаш. Шена дала диезачу барам тIе язбеш лиелош ю цуьнан и ши хIума. Ас цуьнгара и блокнот схьа а эцна, кхин ойла а ца еш «хьакха» аьлла яздира. Шуна цуьнан юьхь гинехьара. Суна туоха дагадеъча санна хилира и. Ткъа цуьнан юьхь тIе шеташ туоха лууш вара со. Бакъдерг дийцича, цу дийнахь и сайна тIаьххьара гуш ву а моьттура суна. Суна иштта хуьлийла лаьара. Ткъа муха нисделира?
…ТIаьхьуо, айса  хIунда дира бохуш ойла йора ас. ХIетале хIунда ца дира? Суо яздан волавелла хиларна. Литературо дог цIена, майра хила боху. Зебин васт а дара суна дуьхьал хIуьттуш. ТIаьхьуо айса динчух дохковаьллера со. Кхин дIа а ваха висахь, катетер цIанъян кхин лор лаха виезар ву. ЙоIана керла гIайгIанаш хир ю. 
Амма дахар хаза ду, цуьнан маьIна сайн хиъна моьттуш ву со. И гуш ду-кх ахь дика лар а йитнехь, хиндерг а делахь. Зебин дахар, масала, схьаэцча цуо шел тIаьхьа дика лар а йитина, ткъа цуьнан хиндерг – дуккхаъ болчу нехан кхиетамехь болу сирла некъ бу. Мел дукха хир бу беш йоьгIнарш а, цIенош динарш а, бераш дуьненчу даьхнарш а. ХIун ду тIаккха? Олуш ма-хиллара, дуьне даьсса ца дита. Важа масал – со суо ву. ХIара ду аьлла, дина хIуммаъ дац. Цхьа йоI йисна. Со мел воккхаве, аьлла яздан лаьара. Соьгарчу хьолехь яздойла дац-кх. Со дуьххьара Европе а кхаьчна, йоI гича, дерриге дицделла, хазахиеташ вара. Сайн йоIах кестта нана хир ю бохуш воккхавера (хIинца хилла – йоьIан кIант ву сан), тIаккха хиндерг ду-кх, сайл тIаьхьа  цхьа лар а юьтур ю.
Дахаран маьIна?
ХIинца а жамIаш дан хьалхе ду. Иштта дикачух тиешаш              ву-кх со. Дозалла дан меттиг а бу. Маккхала Шовдин массо а тIаьхьарлерчу концертийн кассеташ гайтина суна. Кхано буьйсанна со висча, юха а видео хьала а латийна хьоьжуш Iийра со. Ма вилхира со! Къаьсттина шира нохчийн эшарш цуо лоькхучу меттехь. ХIунда делахь а, 1995 шо дагадеара суна. Ма ирсе мур бара. ТIом а ма бара хIетахь. ХIетте а ирсе мур бар-кх. Тхо массо а дийна дара. ХIетахь  оха цуьнан ойла ца йора. Бомбанаш йохош лаьттачу гIали чуьра Руслан а эцна суо араваларх лаьцна ас яздира. Араваьлла. Могуш а ву, тIамехь а вац. Ваха хала ду-кх, ахча ца хиларна. Максим волчу юхалург ахча деха вахара со. Ткъа цуо Зеба дагаваийтира, вашас а, доттагIчо а санна гIолецира. Кеманца Москва вахара со. Ахча ца тоьуш зудчо кхечанхьа гIалин йистехь керла квартира лаьцнийла хаара суна. Iаржъеллачул тIаьхьа халла карийра суна уьш. ХIусам тиша яра. Цу чу и пианино цара муха яьккхина ца хаьа. Меца ши кIант ву чохь. ЙоI, наний музыкальни ишколе яхна Москвана юккъе. Доьзалан да хиларе терра, со собаре хила виезара, айса кхарна ахча тасаза дукха хан яьллийла а хууш, цаьргара хьал девзаш, хIун ду хаа диезара.
Со гIелвелла а, меца а, дера а ву. Соьга хьоьжуш цхьа а вац, музыкальни ишкол ю цера коьртаниг!..
- Хир яц сан йоIах артистка! Цунах цхьа шайтIа кхио гIиерта хьо? – Зуда дуьхьала цхъаъ ала гIоьртира. Ас цунна тIара туьйхира, пианино тIе буй туьхира. Иза дуьххьара а, тIаьххьара а хилла хIума дара. ХIинца а бехказа вийла ца гIерта со, тIеман ачо яра иза. Оцу тIеман гIар-тата кхузаъ кхаьчнера. Тхан бераш меттигерчу ишколе дIа ца яздо, прописка яц бохуш. Ткъа сан бераш шайн нана бахьана долуш, дика доьшуш ду. Шовда къаьсттина тIехдика доьшуш ю юккъерчу а, музыкальни а – шина а школехь.
ШолгIа Iуьйранна ишколе вахара со. Законашца нийса а догIуш, Москварчу ишколашка дас-нанас диехар дича, Россера бараш тIеэца диезаш дара. Школехь гIаролхой бу, Соблжа-гIалара прописка ю аьлла чу ца вуьту со. Йоккха гIовгIа яьллачул тIаьхьа директоран кабинет чу кхочу со. Со оьгIазвахна, ханъяьлла йолу директор, со охьа ца хаийтархьама ша а ирахь лаьтташ ю.
- Соьлжа-ГIалахь нохчаша сан йиша чуьра ара а кхоьссина, цуьнан квартира дIалаьцна. Иза республикера едда… - кхин а цхьаъ ала гIиертара иза.
- Тхан нохчийн а, оьрсийн а квартираш а, цIенош дIадаьхна ца Iаш, дахарш а дIадаьхна, бомбанаш етташ, отуш шуна телевизор чохь гуш ду. Мила ву и дийриг?
Шен метте охьахиира иза. Йист ца хуьлуш ехха Iийра. Юха куьйга эшарехь соьга охьа хаа аьлла:
- Документаш.
Кхечу ишколащкара елла справкаш дIаели ас. Царна юккъехь музыкальни ишколераниг а хиллера.
- ХIара хIун ду? – директоран аз хIинца а реза йоцуш санна ду. – Шун музыкальни ишкол тIехдика чекхйоккхуш ю? Иза Москвана юккъехь?
Цунах дерг дика ца хаьа суна. Корта а тиеIош Iаш ву со.
- Кестта 8-чу Мартана лерина концерт ю тхан хила йиезаш. Беза хьеший а хир бу. Шун йоIа цигахь дакъа лоцур дарий тиехьа?
- Цу декъехь дерг сан зудчунна  дика хаьа, - ма-дарра элира ас.
ШолгIачу дийнахь бераш ишколе дахара, церан дог-ойлане хьаьжча гуш ду, юьхьанца царна хала хилар. Жимах верг шех зуламхо ву аьлча, летта. Зуда и дов къасто яхча, шаьш жимха тидаме оьцур ву аьлла. ЙоI ю со школе концерте кхойкхуш.
- Со чу вуьтур вуй? – ваха ца лууш юха гIерта со.
Цо кIеда-мерза боху:
- Дера вуьтур ву. Концертехь дакъалоцучеран дай-наной чубуьту. Волий хьажахьа. Царна вай цхьа акхарой ю моьтту. Гой хьуна, вежарий зуламхой бу боху.
Зудчуьн хьиехамца зиезагаш а эцна ишколан директор йолчу вахара со. Иза баркалла а аьлла, ела а ца къежира, шен гIуллакхашна юкъа яхнера. Керла ишколе хьаьжжина йоккха, къегина зал ю. Со тIаьхьарчу могIарехь сонехь охьахиира. Москварчу ишколийн исбаьхьаллин кхолламаллин къийсадаларийн чаккхенан концерт яра и. Кхиелахой хевшина гIарабевлла артисташ бара. Лиераме хьешашна юккъехь Москван мэр а, оьздангаллин министр а вара.
Сан зуда оцу концерте йоI кечъеш гIайгIане яра. Халла карийнера цунна коч а, мачаш а. тхоьгахь ахча дацара. Репертуар а чIогIа лерина хаьржинера. Шовдел а чIогIа сагатдеш яра нана.
ТIаьхь-тIаьхьа гойту сурт хьалхарчул хаза а, исбахьа хуьлуш дIайоьдура берийн концерт. Хелхаран а, эшар а, забаре суртхIоттораш а, байташ а хаза дара. ЦIаьххьана мукъам а, аз а талхош гIовгIанаш евлира динамикаш чохь. Цул тIаьхьа аз дIадайра. Хьем хилира. СоцунгIа* яхъелира. Зал чохь гIугIделира. Йоьхна школан директор сцени тIе хьала а яьлла, аз ойъуш элира.
- Бехк цабиллар доьху. Тхан галдаьлларг нисдеш бохку. – Иттех минот а елира. Динамикаш наггахь цIевзаш, юха дIатуьйш яра. Зал чохь гIовгIа яьллера. Цхьаберш хьала а гIуьттуш арабуьйлура. Эццахь «беза» хьеший а хьала гIевттира, шаьш дIадаха дагахь дуйла хоуьйтуш. Юха а сцени тIе хьалаелира директор:
- Накъостий! Юрий Михайлович! (ХIетахьлера Москван мэр) Бехк ма-биллахьара, галдаьлларг карийна. ХIинца и нисдеш ду. Вайн суьйре дIайоьдуш ю. ХIинца конкурсехь йоцуш йолу Азимова Шовда ю, - и цIе хала яьккхира цуо, юха а, бехкала яхана ела а къиежаш. – Сайна хезна яц суна иза. Магош ю-кх кхечара.
Суо Iаччохь гIантах тасавелла хьацар туьйхира суна. Зал чуьра гIовгIа туьйш яцара. Мэр а шен сохьте а хьоьжуш лаьтташ ву, охьа ца хууш, цхьанхьа ваха сиха волчух тера дара иза.
Эццахь сцени тIехь гучуйолу Шовда. Суна сайна а ца евзира иза. Цхьа йоккха хилча санна хиетара. Цхьа башха къеггина, боьмаш басахь коч а, лекха кIажа болу туфленаш а. Шек а йоцуш хьалхахьа схьа а еъна, генна цхьана есалле кхойкхуш санна цIена декачу озаца дIакхайкхийра цуо:
- Пётр Ильич Чайковский «Шеран хенаш».
Юха шек а йоцуш сонехь лаьттачу рояльна тIеяхна, охьахиира, букъ нисбина. Цхьана мурстана дIатийра иза, юха пиллигех пIелгаш хьакхалуш, цхьа аьзнаш а дохуш,, оцу пондарх юлуш санна, зала чуьрчеран тидам шена тIеузуш сацаелира. Юха меллаша, хьастаме тIаьхь-тIаьхьа гIовгIа алсам          йолу ламанана Шовдан аз санна цхьа мерза, исбаьхьа мукъам баьржира зала чухула. Лаьтташ волчу мэран юьхь тIехь цецвалар хааделира суна. Цуьнан хьажар сцени тIе дирзинера. Шен метта охьахиира иза. Омра дича санна охьахевшира массо а. ХIинца  хIара зал мукъаман олаллехь яра. Бакъйолу исбаьхьалла хIун ю хиира суна. Со а хIинца сапаргIатдаьлла вара. Кхин хIумма а дагадогIуш а воцуш, оцу мукъанан олаллин кIела вахнера со. Цуо тIомаваьккхина цхьана дикане ваьхьна, сингаттамаш а, сайн дегIан йозалла а ца хаалуш тIома ваьллера со.
Деттачу тIараша меттавалийра со. Юха Шовдин зевне а, къовламе а аз!
- Чайковский. Романс «БIаьсте, ло дешаш ду». Дешнаш Плещеевн.
И йиш лакхайолаелча хIара зал дIатийна ца Iаш, дерриг а дуьне дIатийнера. И сайн йоI юй а ца хууш, и гуш а ца хиллехьара, со цкъа а тиешар вацара и йиш локхург, сел хаза и лоькхург сан Шовда ю-кх бохучух. Цуьнан аз шовда санна зевне ду… ТIараш детта. Хьала а гIоттий охьа таьIа иза. Юха куьг ойъий:
- Игорь Стравинский «Фортепьянна лерина танго».
Кхечаьргахь хIун хьал ду ца хаьа суна, со инзарваьлла. Суна дуьххьара хезаш мукъамаш ма бу уьш: Бетховен «Беттан соната» а, «Аврора» а, Моцартан  «Туркойн марш». Цул тIаьхьа йоIа хоуьйту:
- «Шовда» композици. Нохчийн маттахь хьоста бохург ду иза. Сан дас иштта  цIе тиллина суна. Дешнаш Сулейманов Ахьмадан, мукъам Димаев Iумаран.
И йиш локхучу хенахь суна Нохчичоь а, тIом а дагабеъна, бIаьрхиш доладелира. Кхин Iан ца луш аравелира со. Коридор чохь хезара суна чIогIа детташ долу тIараш. Суна дуьхьал а яьлла елакъежнера директор. Шина а куьйга сан куьг къуьйлуш бохура цуо:
- Ма йоI ю! ПохIма! КIелхьардехи цуо. Баркалла! Иштта йоI кхиийна…
ШолгIачу дийнахь йоIа хоьтту соьга:
- Музыкальни ишколехь кхин дIа а диеша мегий ас?
Ас хIун эр дара? Мега аларх ца тоьу. Дешарна мах бала а биеза, цига белла ца Iаш, юккъерчу школе а. Дешар маьхза ду бахахь а, харжаш яккхий ю: гIаролхишна, юургана а, ишколан а, классина а куц дарна а, книгашна а, тетрадашна а. Вуьшта а Москва чIогIа механа еза гIала ю. Тхо чIогIа тIаламе Iаш ду. Максимера юхалург даьккхина ахча кхачош лаьтта. Соьгара хьал ган хала ду. Хиндолчух кхоьрура со. Москвахь и гуш дацара. Ткъа со доьзалан да вара, и доьзал кхаба биезаш. Суна хаьара, ас бурутоьхначохь мехкдаьтта ша-шаха хьаладуьйлуш дуйла. Мехкдаьтта долчохь ахча а хуьлу. ТIаьхьарчу шарахь алапа а доцуш, чIогIа къахьегнера ас и меттиг тоеш. Зудчо ма-гIахьара хьо боххушехь, кхин дан хIума ца хиларна, жимма ахча а эцна аэропорте вахара со.
Соьлжа-ГIала доьдуш кема доцийла-м хууш ду. Къилбаседа Кавказе муьлхачу гIала вахча атта хир ду, бохуш хьоьжуш лаьтташ, цхьаммо муьшка йира суна. Вевзаш волу накъост хиллера:
- Кхузахь хилла-кх хьо! Тхо хьо массанхьа лоьхуш ду, министро лаха а аьлла.
Аьтто хилира сан. Соьлжа-ГIала дIакхечира. Амма и сан гIала яцара. ХьакълагIаш яра гондахьа. Делахь а мехкдаьтта оьшуш ду даима а. «Грознефть» чIогIа ларъеш ю. Министран кабинет цIена ю. Со гучуваьлла воккхавеш а ву иза.
- Сан заместитель хир вуй хьо? – хоьтту цуо.
- Вац. Сайн урхалла йолчу гIур ву, ахь вахийтахь.
- Iовдал-м хьаха вац, - жимма Iийна боху цо. – Цигахь синтеме хир ду. ХIинца кхо урхалла хир ю хьан карахь. Трестан куьйгалхо хир вву хьо. Мехкдаьтта даккхар хьоьгахь хир ду. Хьан гIишло ца йохийна. Цигахь дIатарло. ХIинца бухгалтере а гIой хьан алапа схьаэца.
Хьеделла алапа схьалуш дуйла хаьара суна. Цу хьокъехь айса деш хьиесап а дара. Сайн догIучу ахчанан ах схьаделча, декхар дIадала а, кхин долу диезарш дан а таро хир яра. Ткъа кхузахь суна дукха ахча делира. Со инзарваьллера. ТIом а бицбеллера.
10 апрель, Iуьйре
Тахана башха де ду. Малх. БIаьсте. Сан дог-ойлане хьаьжжина ду де. Цхьа боьха хIуманаш сан дохо гIоьртинехь а, церан гIуллакх ца хилира. Кху деношкахь сох ненада хилла.
ТIаьххьара а…
Цкъа хьалха Маккхала зIе туьйхира. ЧIогIа воккхавеш вара и. КIента кIант вина бохуш. Сан хазахиетар а кIезиг дац. Оцу кIанта сан фамили лиелор яцахь а. Сан фамили, сан гар а суна тIехь хедаш ду. Сан дахар эрна хилла. Делахь а, тахана и дагадаийта ца лаь суна. Со ирсе ву! ЙоIах воккхаве, хIинцца цуо а зIе туьйхира. Шаьш долчу кхойкху. ЧIогIа кхойкху. Маккхал а ву соьга кхойкхуш.
Европехь  дуьненан ялсаманехь санна Iаш бу нах. Дерриге хаза а, дика а ду цигахь. Кхечанхьа санна, шайн кхачамбацарш хила а мега церан. Ас сагатдан  диезаш хIума дацара, цундела суна цигахь атта дара. Могашалла гIолехь йолуш санна хиетара суна. Ма лоьралла до цигахь. Германерчу цхьана клиникехь соьга хьовсур бу аьлла барт бина хиллера йоIа. Сан лазаран истори цаьрга дIаелла а хиллера цуо. Сан невцо со а дIакхачийра цига. Ах сахьт хьалха дIакхечира тхо. Жимо, цIена гIишло ю. Гуш адам а дац. Суна немцойн мотт ца хаьа. Невцо гочдо суна, лаха чохь пенах кхозучу прейскурант тIера мехаш. Москварчу онкоцентрехь а кхозуш плакат ю «Кху хьукуматехь дерриге а хьашташ маьхза ду», аьлла. Ма сийсаззалла ю и! Каширски гIопа чоьхьа волург, тIаккха кога тудучу бахиллех тIехь мах бала биеза, кхузахьчул шозза алсам а луш. Массанхьа рагI хIуттий дукха адамаш хуьлу. Доцца аьлча, гIаплолла ду-кх. Ткъа кхузахь йиллинчу хенахь кабинет чу кхойкху.  Суна моьттура невцана хьалха, сан талмаж ма ву, верзина вала диезар. Ткъа кхузахь соьга хьоьжуш виъ говзанча ву, шайн гочдархо ву.
Суна, операци яле хьалха дарбалиело дезаш хиллера, боху цара. Цунах гIуллакх ца хилахь, тIаккхий бен, иза а лазерца, операци ян ца йиезара, боху цара. Къизалла ю суна тIехь йинарг. Сан, аьлча, Москвара онко-лор, 90-чу шерашкахь Америке а кхаьчна, кхечу кепара дарба дан хууш вац. ЦIавеъча, ахча а делла и белхан меттиг а эцна, цуо иза даррехь олуш дара, шел лакхарчарна шен-шен хенал бол а луш, пхьола деш вара. Ткъа кхузахь Iилма гена хьалхадаьлла. Нагахь санна иштта операци еш хилча, кхечу кепара ян йиезаш яра. Иштта ойлаеш белхаш беш бу Германера лоьраш. Россехь дерг ледара ду. Шен  таро а, ахча дерг а, дарба лиело, Европе воьду. Сан хIетахь и аьтто бацара. ХIинца, йоI маре яхча аьтто хили-кх. Кхаа дийнахь охьа а вижий, буьззина талламаш байта шайга, боху цара.
И клиника тIехьаьжна жима елахь а йоккха хиллера. Лаьтта бухахула дIасалела меттигаш а болуш, масех гIишло яра. Цигахула лиелавора со верриг а толлуш. Ши де даьлча кхин а ши де оьшур ду шайна боху, кхин кхайкхина Шипсарера* говзанча а ву. Со хIун ала диеза ца хууш воьхна ву, сан йоьIан кхарна хIун мах бала биезар бу-тиехьа бохуш, сагатдо ас. Ткъа цо хIора дийнахь зIеетта, цунна самагатде бохуш. Муха ца гатдо ас са? И хаттар коьртачу лоьре дIакхачо аьтто хилира сан. Цо хаза виела а къежаш боху, со шен кабинет чу а вигина:
- Хьан лазар сингаттамах схьадаьлла. Ахь лайначу балех, Iазапах. Тхуна хаьа, ахь ши тIом лайний, доьзалера къестарш хиллий а. Хьо Европин вахархо велахьара, маьхза хир дара оха дийриг. Амма оха дакъалоцур ду, хьуна деш долу дарба маьхза хир ду!
Ткъа талламо со могуш ву гойту. ЦIий а цIена ду (радиацис шен болх бина). Амма со адамаш санна вахийта, уггаре керла а, дика а катетер хIотто йиеза и тишаниг дIа а яьккхина. И катетер леррина Японехь еш ю. Цунах мах бала биезар бу. ЙоIа мах дIа а белла схьакхочур йолуш  ю и инзаре хIума. Кхечу клинике дIакIотто йиезаш ю иза Шипсарехь. Цхьа бутт баьлча хир ду иза.
Иштта Европехь ши бутт сов хан яьккхира ас. Цигахь хаза а дара, кест-кеста йоI гора. Делахь а лаьмнашка сатуьйсура ас. Сан самукъадаккхархьама, Маккхала наггахь Альпашка вуьгура со. Альпаш инзаре ду! Масса кепара а Кавказах тера а ду. Кхузахь цIена а, хаза а ду. Некъаш ду, оьшуш йолу гIишлош ю, аптекехь санна цIена ду. Делахь а суна Кавказан лаьмнаш гIолехь хиета – акха а, адам доцуш а, маьрша а, дуьнене долочо хенахь санна. Дукха адамаш долчо, уьш мел оьзда хиларх, лаьмнашца а, Iаламца а оцу карадерзоза долчу дуьненца цхьаьнаэр ца нисло. Нагахь санна цхьана исбаьхьачу гу тIехь муьшан некъ а, кафе а, хьаштагIа а гича, баккхазчу ломан бохь санна ца хиета иза.

Онда мох а хьоькхуш, дIасахьажа кечйина меттиг хуьлу цунах. Делахь а, Альпашкахь хаза ду. Цаьргара масал эцна, Кавказехь юкъадало мегар долуш дерг а ду. Суна уггаре чIогIа диезаделларг – дельтапланеризм дара. Цуо Iиехавора.  ТIома вала лаьара. Дельтаплан тIехь хIаваэхула хьийзаш адам гича, Максим дагавогIура суна. Цуо и гIуллакх дIа ца теснера (тIеман Соьлжа-ГIалара ша юхавирзича – цунах лаьцна ас яздинера), хIинца а и дийна хир волуш санна хиетара суна. Цул тIаьхьа чохь а сецна – бани, къаьркъий, юург, тIех варста верстина, тIехьаьжча могуш а хиеташ, дог лаза а даьлла дIавелира. Европера цIавеъча Краснодаре вахара со, доттагI велла шо кхочуш а дара. Цуьнан  зудчуьнга хаьттира ас, дасакъаьсташ:
- Максиман цхьа дельтаплан яра. Мичахь ю и?
- ХIан, эцца тхов кIелахь чардакхехь Iуьллу-кх.
- Максиман дагалиецамна суна луохьа и.
- Йитахь хьайна. Цунах хIун дан диеза а ца хаьара суна. ДIакхосса кхоам хиеташ, и соьгара иэца Iовдалш а бац. Йоьхна а ю и. Новкъа а ю. ДIахьо хьайна.

Ас схьа а эцна, сайн лаьмнашка схьа а еъна, тойира иза. Цу тIехь тIома вала лаьа… Кхоьру-кх. Амма со тIома-м вер ву. Сатийсам! Иза сан дахаран маьIна хила а мега. Дика дац иза?



1 апрель, суьйре.
 Сан керла катетер ондачу зиерах чекхъелира. Луларчу юьрта цхьа кIант веара Iуьйранна, берзалоша сан  цхьана бокъана  кайиттина аьлла. Хьалха яьллачу айгIара шен бекъа ца ларйинера. Иза эмалк санна аьрха а ю, делахь а кхечу айгIарех лиеташ мукъа хилла хир яц. Говрашлиелор сан синкъерам бу. ЙоIа ахча ло. Ас сайн дагадеънарг до, сайна дан хIума лоьхуш. ХIинца риема йолчу ваха виеза, царна дала туьха а хьуш. Царна туьха диезалахь, ламанца иза дац, цIехьа йоьрзур ю уьш. Лазийна бекъа кхиерамехь хир ю. И некъ ловр бац цуо. Оцу кIанта дийцарехь, сайн риема мичахь хила еза хааь суна. Некъ гена а, хала а бу, ахгали туьха а, юург а, топ а соьгахь хилча-м мукъане а. Сан дегIана а доккха зиер ду-кх, сайн катетеро и муха ловр ду а ца хаьа суна.
Цу катетерца цхьа керла дахар дуоладелча санна хиеташ ву со. Ас садоьIуш шок ца етта цуо, вукхо санна. Суна сайн некхаца и хилар наггахь дицло. СадиеIар аттачу даьлла. Хьалха хIаваъ а, йолу цамгар а цхьа а дуьхьало йоцуш сан пехашка кхочуш хиллехь, хIинца уьш луьттуш фильтр ю. Цул сов, хIинца со лийча йиш йолуш ву, догIана кIел нисвелча а кхиерам бац. Хин буха ваха ца мега со. Цуьнца цхьадолу кхачамбацарш а ду – электроникех юьзна ю сан катетер, цуьнга болх бойтуш пульт ю. Иза чIогIа хих ларъян а, Iалашъян а йиеза. Цу тIехь пхи нуьда ю. Пхеа рожехь болх бо цуо. Хьалхарниг – гуттарлера раж, шолгIаниг – кхача буу раж. Иза I0 минотехь лаьтта. Оцу хеначохь йиъна вала виеза. КхоалгIаниг – хи а, мутт а, чай а молу раж цхьана минотехь бен ца лаьтта. ЙоьалгIаниг – лийча а, догIанна кIел гисвала могуьйтуш ю. Цуьнан хан  билгалйина яц. СадеIарна новкъарло а ца йо цуо. Мел дукха душ кIелахь а, догIанехь хиларх хин тIадам чекх ца болу цунах. Кхин пхоьалгIа цхьа Iаьржа нуьйда ю. Цунах лаьцна яздина хIуммаъ дац. Хиетарехь, стаг велча, кийра хIаваъ ца дахийта йина хир ю-кх иза.
ХIинца сан корта а, синхаамаш а, лаамаш а боцуш, сан дахарна куьйгалла деш и пульт ю-кх. Дала ма дохьийла  и юхахьаялар. Цундела со дуьххьара ламчу сайн риема йолчу хьалаваьлча, ийзалуш вара. Дог а, дегI а кийча хила диезара.
Дийнахь шозза – Iуьйранна а, делкъана а жимма дегIана ницкъ бо ас. Сайн дегIе а, катетере а ла а дугIуш, новкъавелира со. Юьхьанца охьанехьа бу некъ. Iинчохь тхан жима, шийла, чехка хи ду. Дехьа ваьлча басе йолало. Цхьа а хьем боцуш, катетеран гIовгIа йоцуш, сецарш а доцуш дукъ тIе хьалавелира со. ДIасахьаьжча Дала кхоьллина дуьненан хазалла ю-кх. Лаьмнаш, царел хаза юха а лаьмнаш дацахь кхин хIун хир ду. ХIинца цу букътIехь лаьтташ хаало ло суна Башламера  схьахьоькху шийла мох. Лаьмнийн баххьаш хьулдеш ю язъелла Iаьржа мархаш. Цигахь стигаллий, латтий вовшахкхиетачохь, адамийн лаамашна Iаткъамбеш, стигалан бакъонаш кхерстачохь кхоллалуш  ду дарц а, чехка догIа а. Керлачу дахаран а, цхьанна  Iожаллин а билгало санна хиетало иза. Сан Iожаллин? Хан кхаьчна тиехьа? ХIунда аьлча, и мархаш кестта кхуза схьакхочур,  мох а, догIа а дохьуш, къора а, ло а дан а мега. ХIинца суна хууш ду лаьмнашка дарц муха хуьлу. ДогIий, моххий хьаьвзича, тилавелла цхьана къакъаршкахула  дIаваха тарло. Ишттачу хьолехь экха а цхьана хьуламе доду. Со а цхьа кхалор лаха йиезаш ву.
Кхин дIа некъ балур бацара соьга хьалхалерчу катетерца. Ткъа керланиг суна хаалуш а яц. ТIейогIу йочана со зуьйш ю-кх, аьлла хиета суна. Ламчу хьала ваха лаьа суна. Мох чекхбели, чехка догIа доладели. Ас «душ а, догIа а» аьлла йолу нуьйда тIетаIийра. СадиеIа хала дара воьдуш хилча. Гуттарлерчу роже яьккхича кийра хин тIадам кхачарна кхоьру со. ТIаккха цхьана дукъ тIехь соцу со, кхин дIа ца воьдуш, дан диезарг ца хууш. Сан бугIул  чуьра туьха дашош, дазделла, со охьа тиеIош ду. Сан кхиерам кхин бу. Пульт а целлофанна чу йиллина, иза яшаяхь, со дан хIума долуш вац. Ткъа кхузахь дукха акхарой ю. Сан гIелалла хьожа ма кхийтти хаало царна. ХIара-м ваха оьшуш а вац, аьлла вожор ву.
ТIаьхьарчу шерашкахь дукхазза Iожалле сатийсинера ас, иштта вехачул валар тоьлу бохуш… Ткъа жимма хало хилча – ца оьшу! Ваха лаьа, сайн жимахволу кIант дагавеъча. Цунах биекхам а ца беш? Биекхам бан диезаш ву. Ойла а ца еш «гуттарлера раж» аьлла нуьйда тIетаIийра ас. Сан садеIар меттадеара. Шина а куьйга катетер догIанах ларъеш воьду со, кхиераме дуйла хуъушехь.
Iаламо а къинхиетам бира сох. Мох а дIатийра, догIа а лагIделла сецира, дохк а дIаелира. Юхаверза а лаьара, гIелвелла а, вашийна а хиларна. Сох-м заьIапхо вай, жима а вац. Амма, дIаваха виеза, и гIийла ойланаш йицъеш, дIавахара со. Дика а ду вахана хилла. Сан риема туьха оьшуш хиллера. Соьгахь хIун ю шайна хиъча санна, дуьхьала хьаьвдира уьш. Сан риема стамъелла. Хьалхаяьллачу айгIаро нехан кхелаш а схьаялийна. Берзалоша лазийначу бокъе хьаьжира со.
Борз онда хиллачух тера дара. Шаьлта  хьаькхча санна чов йина цуьнан кIомсаро бокъан гIогIа тIехь. Чов кIорга ю. Бокъан нанас мотт хьекхна йоьрзуш ю и чов. Уггаре инзарениг оцу кхелло вуьш дIа а туьттуш, туьха шен маттаца дашош, и берам бокъан чевнна тIехьокху. Иштта ду-кх Iаламан хьекъале гIиллакхаш, нанас беш болу гIайгIа.
Ас и гIайгIа ца бира сайн доьзална. Цундела юхавогIуш, тхешан кешнашка вахара со.  ХIара шира кешнаш ду. Керла каш кIезиг хаало кхузахь. Махках даьхначул тIаьхьа кхузахь нах Iойтуш бацара. Велларг шаьш бехачу аренца дIавуллура. Наггахь верг хьалавеънера. Оцу керлачу кешнех кхо барз а, ши чурт а сан ду. Чурт шиъ бен хIунда дац? Тахана цунах лаьцна яздан а ца лаьа, яздийр а дацара. Айса хаддаза цуьнан ойла яр, цо сан садаар а тоьуш ву со.

12 апрель.
Арахь хаза ду. БIаьсте! Малх. ЦIена хIаваъ. Сахилчахьана эшарш лоькху олхазарша. Машар а, ирс а, биезам а хестабо цара. ЧIогIа ваха лаьа! Иштта Iаламах иэвелла, цуьнца бертахь ваха лаьа цуьнан мукъамехь.
ЙоI а, цуьнан Iаткъам а дагабеа. Со и мукъамаш а, искусство а, артисташ а биезаш ма вацара. Нохчашна юккъехь къонахалла ю коьртаниг. ХIинца сан дог-ойла хийцаелла. ХIинца суна и харцтурпалхой ца биеза, дашо варкъ диллина герзаш карахь, хьатIаран хьожа а йогIуш болу и харцтIемалой, езачу машенашкахь, гондахьа ха а хIоттийна лиелаш болу и «инарлаш». ХIинца суна тамехь ю музыка а, исбаьхьалла а. Со Европехь хилла аьлла а, доцуш суо оцу кхиетаме кхаьчна со. Сайн чкъураца лайна ас иза. Кхузахь коьртаниг энжеде ницкъ а, герз карахь долу а адам ду. Со а тIехь. Селхана топ а эцна лам чу вахара  со, кхиерамазаллина аьлла. ХIун хаьа, борз, я ча, я кхин экха дуьхьалкхетий а. Цу экханах ийзалуш вац со. Со кхоьрург – шинакогара экха – адам ду. И дуьхьалкхиетаре сатуьйсуш а ву со. ТIаккха со кийча хила виеза.
Селхана цIавогIуш, юха а кешнийн керта вахара со. Дог Iаьвжина, топ кхийса волавелира. Цхьаммо хаам а бина меттигера милцо веара. Жима къонах ву, сан генара гергара стаг а ву. Делахь а гIуллакхехь ву. Цуо боху, тоьпаца эвхьаза ма вийлахьара, таллар а, топ кхийсар а кхузахь дихкина ду. Со толлуш а вацара, сайн таллархочун кехат делахь а. ХIара топ а дIаязйина ю. Делахь а барта дина омра ду – таллар ца магош. Бакъо эцахь 45 эзар сом а делла, талла мегар ду, меттигерчу иччархочун тергамца. ТIаккха цунах таллар а ца хуьлу. Со акхарошна топъетта лууш а вац. Биекхамбеш, вен лууш ву.
Кху хазчу дийнахь ишттачуьн ойла муха йийр ю? Ялуш хилла-кх. Iуьйранна хьо волчу меттигера милцо веъча муха  ца йо иштта ойланаш? Иза-м дика кIант ву. Сан цIийнах хьовса мега, аьлла хаам а бира цуо цкъа мацах. Сайн бакъйолу иччархойн топ кхечанхьа дIалачкъийра ас. Цул тIаьхьа со а ламчу хьалавахара. Сарралц вуолавелла а лелла, цIавеъча цIийнахь чIогIа хьаьвсина хиллера. Чохь мел долу хIума тIекIел даьккхинера. Иза а хIумма а дацара. Вониг кхин дара, цIийнах хьажа баьхкинчеран куьйгалхо ваша Гехон кIентакIант хиллера. Со и юьхь дуьхьал  хIоьттина ган лууш ма вара.
Аьтто ца белира. Я сан, я цуьнан аьтто ца белира. Хьанна хьаьа?                Хьовсур ду вай.

13 апрель.
ТIаьххьара «графоман» бохург хIун ду хии суна. Сох хьакхалуш хилла-кх и. ХIун ду а ца хууш, хаддаза цхьа гIурт язбеш верг ву-кх и. Стенах лаьцна яздо ас? Даима а катетер хIутту суна хьалха. Сайга къамел ца далун дела яздо хир ду-кх. Кхечаьрга къамел дан, даима а киснахь блокноттий, ручкий ю сан лиелош. Сан юкъаметтигаш а, къамелаш а кIезиг ду. Наханаъ, сунаъ хало долу дела. Цундела цхьалла йиеза суна. Цхьаллех воьлла со. Суна операци яле хьалха дуьйна вара со и цхьалла йиезаш, Нохчийчохь хьалхара тIом болабелчхьана, сан дахарехь къиза бохам иккхичахьана. ХIетахь дуьйна дерриг а сан дахар галделира. Цул тIаьхьа дерг хIун дахар дара? Цундела яздо ас дерригенах лаьцна а, коьртаниг яздан ца ваьхьа. Амма волавелча чекхвала виеза. Язлур ду аьлла хиета, хьанна хаьа цхьаммо хIара дешахь и сох кхиета а тарло, гечдан а тарло. ХIара сан даредар ма ду, айса цхьа таллам бан гIерташ, цхьана сацаме ван гIерташ беш болх бу. Ницкъаш цхьабосса бацахь а, диекхар дIалуш биекхам бан. Сан йисна хан кIезиг ю. Делахь а, доIанца доьху ас даима Деле, сайна и кхочушдан аьтто белахь бохуш. ТIаккха ас лаг озор ду, гIалат а вер вац. Дахаран чаккхенехь иштта ойланаш ю-кх. Адамаллица дуьстича, нийса дуй и? ТIеман ачо и юйла хууш ду. ТIамо кIентий ца Iалашбо. Суна тIехь къеггина и ган а гайтина цуо.
…1996 шарахь Нохчийчохь тIом чекхбелира. Машар бо аьлла цхьана кехат тIехь куьйгаш яздира. Россин эскарш дIадахара, бомбанаш а ца лелхара, тоьпаш кхиссар а лахделлера. Амма Соьлжа-ГIала йохийна. Тхан квартира Iана яхна. МеттахIоттийначул тIаьхьа юха дохийна тхо чохь Iийна цIа. Цунах лаьцна яздан а ца лаьа. ТIамах цхьаболчара пайда оьцу. Далла хуур ду-кх. Оцу квартирица цхьаьна гIалин йистехь долу цхьа цIа а эцнера ас. И цIа а, берриг а урам охьааьтта. И цIа меттахIотто харж тоьара сан. Цхьанхьа Iан диезаш ма ву со. Кхузахь болх беш а, рицкъа лохуш а ву со. Ткъа доьзал Москвахь бу.
ХIинца юха хьовзо йиш хилла доьзал цигахь Iойтур бара ас. ХIетахь, сан доьзал  цIахь хила биеза аьлла, кхуьуш йоI а хилча, дагадеара. Зуда даррехь дуьхьал ца йолу, амма берашка диешийта диезара боху. Нохчичохь диешарца дерг ледара дуйла хаара суна. ХIетте а, доьзал сайна юххехь, тхо цхьаьна Iойла лаьар-кха суна чIогIа.
Оцу муьро билгалдаьккхира тхан доьзалан хиндерг. Воккхах волу кIант ишкол чекх а яьккхина институте деша ваха диезаш вара. Москвара институт ца хаьржинера. Амма цуо шена Соьлжа-гIалахь  деша лаьа, элира. Мацах ша вадийна хиллачул тIаьхьа, кхузахь хилла воццушехь. Вуьйш а ца хиллера. Соьлжа-ГIала шайна гича, инзарбевлла, Iадийнера уьш шаьш ас кхуза схьабалийча. Йоьхначу гIалахь доьхначу церан дегнашна жимма  хьаам хилийтархьама, сайн доьзал дай баьхначу лаьмнашка хьалабигира ас. Цигахь тIеман лар яцара. Цигахь исбаьхьа лаьмнаш а, Iалам а дара. Ишттачу меттехь хьо хьайн цIахь вуйла хаьа. Кхузахь дайн синош ду, тIаккха хьан дегIера са чIагIлуш, лакхадолу. Оцу лекхачу лаьмнех дIатарло хьо, иштта лекха а, кура а волуш.
Сан кIентий гIадбахнера. Кхузара охьабаха а ца лаьара царна. БIаьргбетта хазалла елахь а, Iойла яцара кхузахь. Некъ а, ток а, кхидолу хьелаш а дацара. Ишкол а яц. ЦIа а дац.
Буса Соьлжа-ГIала кхечира. Кхузахь ток йоцуш бода бу массанхьа а. Тхан машенан стогарша хьакълагIаш серла йоху. МаьI-маьIIехь хезаш кхуьссу тоьпаш ю. Тхо-м доьлла цунах. Соьлжа-ГIала тIеман гIала ю. Герзаш керахь долчу гIерано дIалаьцна Iедал. И гIера цхьаъ бен а йоцуш, цхьана баьччас аьлларг деш елахьара хIуммаъ дацара. ГIеранаш дукха ю, царел а дукха баьччанаш бу…  ТIом чекхбаьлла аьлча, машар хила биезара. Кхузахь и дац. Анархи ю. Цхьа бахьана дацахьара, ишттачу хьолехь Iойла дацара.
Республикера мехкадаьттан бахам хала-атта болх беш бу. Нефтан гIуллакхден заводаш хIаллакъйинехь а, массанхьа а еш кхехкош, бензин доккхуш хиларна, Соьлжа-ГIала кIурах а, кIуьрзех а юьзна ю.  И хьал ерриге чоьхьарчу Нохчичохь ду. СадиеIа хала ду. Ткъа мехкадаьтта доккху меттигаш зен хиланза болх беш ю. Сан урхаллера мехкадаьтта сецарш доцуш биргIи чу тоттуш ду, тIом балале ма-хиллара. Кхин дIадолчуьнца сан бала бац. Мехкадаьтта биргIичухула Новороссийске дIадоьдийла хаьа суна. «Грознефтах» хIинца «Юнко» олу. Тхан белхан мах Москвахь хадош бу. Алапа а шен хенахь схьалуш ду. Дика болх барна суна мидал а, эхашеран алапин барамехь ахчанца совгIат а дина. Цу хьелашкахь Iойла хийца лууш вацара со. Зудчунна лаьара. Цунна кхузахь Iан хала дара, тхан массеран гIайгIа бан биезара, берашка диешийта диезара. Цул сов кхиерамазалла яра дагахь латтош. ХIинца тхуна дайделлехь воккхах волчу кIантах хьакхаделларг а дагахь лаьтташ. И дерриг дуьстинчул тIаьхьа со резахилира. Юха воккхах волчу кIанта  боху, ша сан лорах дIаваха воллу, мехкадаьттан институте деша гIур ву, ас чекхъяьккхинчу факультете. Ас дозалла до кIантах.
Нагахь санна кIентий Соьлжа-ГIаларчу дахарх боьллехь, уьш Iемаш бара. И гIуллакх кхузахь къобалдеш а, даржош а, йоIIий, наний холчохь яра. Соьлжа-ГIалахь хьалха а башха тидам тIебохуьйтуш дацара музыке Iамор, хIинца музыка хьехочохь дацара. Суна сайн Шовда дукхаезара. Цуьнан пхийтта шо кхочуш, Пятигорскехь эцна кIайн рояль еара ас. Цу хенахь ерриге Нохчичохь хир яцара ишттаниг. Кхузахь мукъамийн метта хезаш даьндаргийн шакарш яра. Ас и рояль эцча массо а соьх воьлуш вара. Тхо тхаьш а дуьйлура. Сан йоI йоккхаеш яра. ХIинца ас цуьнан некъ къобалбеш хилар гучуделира цунна. Йоьхначу гIалахь зудчунна музыкин хьехархо, иза а жуьгти, муха карийра ца хаьа суна. Оцу ханъяьллачу, оьзда куц долчу зудчо дегалазамца элира соьга:
- Шун йоьIан похIма а, чIогIа сема лерса а ду. Консерваторе кечъян йиеза иза. Кхузахь цуьнан похIма довр ду. Кхоам бу. Соьлжа-гIалахь кхо шо даьккхинера оха. Доьхна цIа тодира, шордира. УьйтIахь бани йира. Гондахьа лекха керт йира, онда аьчкан ков а хIоттош. Сан цIа – сан гIап. Зама яра иштта. Карзахалла, зуламаш. Сайн доьзал кхузахь йолуш наггахь дика а ца хиетара. Мосуьйттаза уьш Москва дIабига а гIоьртира. Юхаъ сан болх кхузахь бу, воккхахверг институтехь, важа шиъ ишколехь. Диешар а, дахар санна дара. Цхьаъ вийна, важа лачкъийна, талор дина, ницкъбина…
Ткъа 1999 шеран аьхка керлачу тIеман билгалонаш гучуевлира. Хуьлуш дерг цу тIе доьдуш а дара. Москвара цIавеъначу гендиректора боху, кестта тIом болалур бу. Соьга боху, массо биргIанаш дIакъовла. ГIуллакх къиза а, ирча а хир дуйла кхийтира тхо. Зеделларг дара. Чехка цIа а вахна боху ас:
- Катоххий дIагIо кхузара!
- ХIан-хIан! Хьо кхузахь а витна, тхо дIагIур дац. ХIаллак ца яйта цхьацца хIуманаш кечъян еза… Чекхдер дац-тиехьа.
- Дер дац! – мохь бетта ас. – Шуна тIом хIун ю ца хаьа!
- Цхьаьний бен гIур дац! – шениг дуьйцу зудчо. – Хьайн балха тIера гIуллакхаш чекхдаха. Тхо а шина-кхаа дийнахь кийча хир ду. Дела къинхиетаме ву. Даламукълахь хIуммаъ хир дац. Хьажал мел тийна ду. Буса а тоьпаш ца кхуьйсу.
ГIала ладоьгIуш дIатийнера. Масса а телевизоре хьоьжуш, я радиога ладугIуш, хIун хуьлу-тиехьа бохуш Iаш вара. Юха а къиза кхел йийр ю-тиехьа Москвахь, я хьекъал а, адамалла а толур ю-тиехьа? ТIаьххьарчух тиешаш вац со. Подвал чохь хилларг дагахьлаьтта. ТIеман хьолехь а, цул тIаьхьа адамаш жIаьлел а, мукдехкел а эрчадовлу, вовшийн даа кийча хуьлу. Цундела  сихвеллера со. ХIокху тийналла тIаьхьа йоккха гIовгIа а хила тарлора. Сан даго хьоьхура иза, кийра богура сан. Амма хьекъало, и синхаамийн дегахьиехамаш юхатуьттура.
Аьхкенан тов дIа а яьлла, гуьйре яра тIейогIуш. Малх а, токхе а яра. Массанхьа а юхкуш хорбазаш а, пастанаш а, кемсаш а, мел оьшург ю. Бераш ишколе, институте дIадаха. Ас сайниш ца дахийтира. Уьш кхузара арабаха сацам хилла сан. Ишколера кехаташ а схьаэцна, воккхахверг Москварчу институте дехьаваккха дагахь ву. ГIуллакхаш дукха ду. Къаьсттина сан балха тIехь. БиргIанаш дIакъовлар шина-кхаа дийнахь чекхдер ду моьттуш вара со. И далур долуш ца хиллера. Хиънехьара ша ма-дарра дуьтург хиллера. ТIамо хIаллак ма йира уьш. Уггар хьалха со а тIехь.
Дуьйцуш тамехь дацахь а, со чIогIа  жоьпалла долуш вара сайн балха тIехь. Массо а белхало тIамах кхеравелла вада а ведда, айса болх беш, цхьана кIиранах дIакъевлира ас массо а биргIа. тхенаш сал-пал «КаМАЗ» тIе а йоьттина делкъана новкъа довла кечделла, оцу машенан шофёр схьаваре хьоьжуш  Iара тхо. Ставрополе даха сацам бинера оха. Сан раци екаш ю-кх. Тхан хилла хехо ву. Тхан конторан кертахь селхана ши еттий, цхьа старгIий йисна хилла, ков диллинчухула чоьхьа а яьлла. Ас цIавогIуш кевнна догIа тоьхнера. Ша догIа а дохийна арахеций уьш боху.
- ДогIа ма кагде, со дIавогIу, - элира ас.
Iуьйре яра. Делкъе а генахь ю. Цхьа хаза, аьхна, ниIмат ду-кх: зезагаш дукха диеза сан зудчунна, къаьсттина розанаш, тхино даздина архье лаьтта уьш. Кемсийн рагIу кIелахь кхозу Iаьржа а, можа а хорханаш, хилла яьллачу шапталийн хьожа! Даиманна дIаваха хьовх, хIокху кIирандийнахь кех ара вала а дог ца догIу. Кевнна юххехь мегарг сама а валанза жимахверг ву.
- Дада, со а вигахь хьайца, - машен дукха йиезаш ву иза. Наггахь ас и Iамош хохкуьйту цуьнга.
Ерриге а гIалахула сиха чекхвелира со. Адамаш а, машенаш янне а йоцуш санна хийтира. Урхалле дIакхаьчча сихха и бежнаш ара лаьхкина, ков дIакъевлира. Юха догIуш, кIанта боху: - Ас йига мегий машен?
- Йига.
Юххехь Iачу хенахь гондахьа дIасахьажа аьтто хуьлу. Гу тIера чухьаьжча башха сурт ду. Малх гIеххьа лакхабаьлла. ГIала а кераюккъехь санна гуш ю. Йоманаш латийча санна хьалхарчу тIеман чевнаш ерзаза, денъяла гIерташ йолу гIала йоькъуш санна лепаш Соьлжа ду…
Юха цIаьххьана кхин ши малх гучубаьлча санна серлаели стигал… ТIаккха эккхар, шолгIаниг а.
- И хIун дара? – цецваьллачу кIанта тормоз тоьхна, сан хьаж хьалхарчу аьнгалех кхийти. Дерригенах а кхийти со. Юха а масех серло, цул тIаьхьа – лелхарш. Цхьа тхуна гена доцуш иккхи, машен а ластош. Чехкка со хьалха а хиъна машен дIалаьлли ас. Дукхахдерг дага а ца догIу. ГIалин юкъ. Базар йолчохь. ЦIийш дуьзна догIмаш, адамийн меженаш. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь хьоькху маьхьарий.
- ГIодейша! Орца дала! ГIодехьа! Сацахь! – амма кхин а сиха дIалоллу машен, сайн бахам кхин а ирча буйла хууш санна. Иштта хила а хиллера. Со чIогIа холчохь вара. И сурт дуьхьалтесча хIинца а иэгаво со. Далла духхьара ма хетийла, со дийна ца вуьсуш и ерриге бомбанаш, ракеташ суна тIекхетта хилла елара. Ткъа уьш тхан беша кхетта оцу ялсаманин кIажех жоьжагIате йинера цара. ХIинца а хиета суна и бомбанаш тоха аьлла омра дичул, уьш тоьхначул а къиза экха ду и герз кхоьллинарг, и дан дагадеънарг. Церан доьзал хила а хиллий-тиехьа, бан а буй-тиехьа?
Сан доьзал-м хIаллакьхиллера. Дийна воллушехь вийнера со а. ХIунда? Суна хIара хIунда ди цара? Шаьш кхузахь хIун дина  хаьий-тиехьа царна? Цара ловр дарий хIара саннарг? ХIинца а ца хаьа суна айса и муха лайра… Жимах волчо гIодира-кх.
- Дада! – со меттавалийра цуо. Велла дIаваллалц дицлур дац суна цуьнан цIийделла бIаьргаш. – ХIара хIун ду? Вай хIун динера царна? Сан нана а, ваша а, йиша а мичахь ду?
Со керта хьаьдира. КIант юххехь ца хиллехьара со-м хьервала тарлора. Цунна хьалхахь  яхь дIа ца луш, чIагIвала диезара. Ирча сурт делахь а, дикане сатуьйсура ас. Ракета беша юккъе кхеттера, цуьнан цIога гуш ду. Цу тIера терахьаш а диц ц ало суна. Эккхаран тулгIе чIогIа хиллера. Буьйда кибарчигех доьттина хилла цIа Iанадахнера. ТIехьаьдира со.
- Дада! Шовда кхузахь ю. СадоьIуш ю. Схьавола! – мохь бетта жимахволчо.
Иштта хиллера иза. Тхан ерриге а сал-пал «Камаз» тIе хьалаяьккхинера. Нанас шен йоьIан музыкальни диешар чIогIа тергалдора. Цхьа де а чекхдала йиш яцара. Цу Iуьйранна а, хьала а ялий, машен тIехь лаьтта рояль лакха аьллера цуо йоIе. Ша воккхах волчу кIантаца кертара цIен комарш гулъян хIоьттинера. ТIаьхьуо Шовдас дийцира и. Ткъа хIетахь чIогIа йина хиллачу оцу рояло кIелхьараяьккхира йоI. Кагъелла, разъяьллачу цо эккхаран  тулгIе дIахьовзийнера. Ша меттаеъча ши бIаьрг схьабелларца, хаьттира цуо:
- Нана! Нана мичахь ю?
Цуьнан нана, ненах йисна, когаш боцу цIех юьзна гуьйриг агIоряьллачу аьчкан керта тIехь Iуьллура. КIантах бисна цхьа ког а карийра. Iаржъяллалц гондахьахула лоьхуш карийра дилхан кескаш. Хи чекх ца долучу гатан юккъе а хьарчийна «Уазикан» багажник чу ехкира ас. ТIехьарчу меттехь Iаш йоIIий, жимахверг дара. КIант садетташ ву, Шовда цкъа йоьлху, юха йоьлу, юха Iеттайо иза, сан пхьаьрсах ка а етташ:
- Дада, Дада, хIара гIенах ма ду! Бакъ ма дац хIара! Иштта хила йиш ма яц! Самаяккхахь со! Сан нана мичахь ю?! Ваша мичахь ву?! И шиъ а доцуш стенга доьлху вай?
И шиъ тхоьца дара. Тхешан юьртарчу кешнашка доьлхура тхо. Кхин некъ суна хууш бацара, сайн лаьмнаш доцург, дагахь кхин хIума а дацара.
ЙоIа мохь хьоькхура:
- Мича дуьгу ахь вай? ЦIехьа! ЦIехьа гIуо вай. Цигахь нана ю вайга хьоьжуш. Юхаерзаехьа.
Цул тIаьхьа тхешан цIа лаьттинчу кертахь хилла вац со. Юха и меттиг гича ловр а дацара ас. Масех шо даьлча, лулахочо и керт шена йохка аьлча, ас хьайна луъург де, кхин и соьга хьеха ма елахь, элира.
ХIетахь дуьйна сан дахар пурхдирзира.

16 апрель
Со яздархо вац. Делахь а, яздархочуьн болх муха бу сайна хиъча санна хиета. И лакхара йоза яздан ма чIогIа хала дара суна. Цул тIаьхьа  вуон хилира. Дог  Iаьвжира, лазаделира. Хьала а ца гIаттало со. ГIатта а ца лаьа. ХIуьттаренна санна  тIуьна а, дохк йолуш, хIумма а ца го. Пеш лато ницкъ а, лаам а бац. Пенах кхозучу сайн юьйлинчу тоьпе хьаьжира со…
…Лаг озийча чекхдолу… и дан хала а дац. Тоха езачохь ца туьйхира, ца ваьхьира. ХIинца юха тоьпан юьхьиг сайн бага юллу ас. Кхин хIума сан бага йоьдуш а яц… Цхьа шира дийцар дагадеара суна. Цхьана заманчохь воккха стаг гIелвелча, гIорасиз хилча, кIанта леррина динчу тускар чу а хаавой, уггаре лекхачу ломан буьххье а волий и тускар кIорга Iин чу кхуссуш хилла боху. Хьалха суна и бакъ ца хиетара. ХIинца тиеша со. ХIинца хаьа суна оцу ламастехь цхьа хьекъале хIума хиллийла. Нагахь санна хьо хьаштагIчу ваха а де доцуш велахь, хIара бала а, эхь а хIунда оьшу? Со хIинца воккха а веш хуур вара оцу тускар чу. Цу тIехь аьтто ца хили сан, кIентий дIабевлла сан, тускар а дац. Амма сан дельтаплан ю. Ас дика то а йина, кийча ю ала мегар долуш. И сайн коча а оьллина басехула чу а хьаьдда, маьрша аьрзу санна сайн лаьмнашна тIехула хьийза сатуьйсу ас. И хир бар-кх синкъерам! Лаамийн, синхаамийн туолам! Иштта тIома а ваьлла сайн кIентий болчу абаде дIагIур вара со. Церан бIаьра муха хьожур ву, къаьсттина жимахволчунна. ДIа ца дийкхира!
Миска яI, Шовда! Ма дукха лайна цуо. Ас чул а дукха. Муха лайна-тиехьа! Со а цуьнца дика вацара. Цунна шадерг ца хууш дика ду… Делахь а, хаа ца диезарг а хаа цунна. Сох лаьцна цуьнга хаамаш беш цхьаъ волчух тера ду, сан дельтаплан юйла а хаьа цунна. ХIора дийнахь: «И хIума дIаяккха! Мичара яьлла хьуна и? ХIун до ахь цунах?» - бохуш хаамаш кхоьхьуьйту цуо соьга. Ас яздо: «Сайн доттагIчун Максиман биезамна латтош ю и», - бохуш.
Тиешахь а, ца тиешахь а Максим сан дика доттагI хиллийла хууш ю Шовда. Тхуна хилла буохам, юьхь яра, цул тIаьхьа юьйлаелира халонаш. Максим а, дика адамаш а, ткъа уьш нахана юккъехь алссам ду, ца хиллехь, тхох хIун хилла хир дара а ца хаьа.
Тхо буьйсанна юккъехь хьалакхечира сан дай баьхначу юьрта. ТIаккха хIун дан диеза? Багажник чохь зудчух а, кIантах а йисна меженаш ю. Машен чохь доьлхуш ши бер ду. Охьа а воьссина лаьтташ ву со, хьаьнга, хIун ала диеза а ца хууш. Гергара нах а бу кхузахь, суна уьш дика бевзаш а бац.
Ломан жимчу юьртахь дерриг буьйса елахь а хаалуш ду. ТIом болу дела, сема а бу нах. Цхьа юьртахо тIевеа суна, шолгIаниг а. Ас цаьрга сайгара хьал дуьйцу. Оцу сохьтехь дукха адам гулдели. Зударша шайца Шовда дIайиги. Жимахверг а шен нийсархоша дIавиги. Со а цхьана цIа чу вигира. Суо ца витира. ШолгIачу Iуьйранна кешнашкахь керла ши барз дIахIоьттира. Дукха адамаш луларчу ярташкара гучуоьхуш, кадамбеш тезет лаьттира. Ши-кхо де даьлча юха а тIеман ирча денош дIадуьйладелира.
Суо-м дагахь а вацара суна. Шина берана сагатдора. Къаьсттина йоIах дог лозура. Йоьлхучуьра ца соцуш, дог маллой охьаиэгаш яра и. Сан коьрта Iалашо и кIелхьараяккхар яра. Бала цхьаъ хилла Iаш бац. Соьгахь кIентан а, сайн а документаш ду. ЙоьIан кехаташ ца карийра суна. Нанас новкъа баккха кечбина цхьа жима тIоьрмиг бара. Цу чохь ахча а, мехаллаш а, документаш а дара. И тIоьрмиг суна ца карийра. Тхо кхузара довда диезаш ду. Кхузахь а хIаваэхула хьийзаш беркеманаш а, бамбанашъеттараш а ду. Цкъачунна бомбанаш ца етта цара. Церан гIовгIа хезча мегаш яц Шовда. Цу жимчу юьртахь дукха мухIажарш  гулбелла. Дукхах берш Гуьржехьа дIабаха лууш бу. Цига некъ баьстина бу боху. Делахь а и генахь ю. Дозанал арахьа а ю. Шовдин кехаташ а дац. Суьйли махка, Ботлихе дIаваха дагадеъна суна. КIанте а эли ас цунах дерг. Со цецвуьйлура кIантах – тIехьаьжна синтеме ву, буьрса а, дера а ву. ЦIаьххьана воккха хилла, Iаьржа юькъа маж а яьлла. И маж дIаяша, эли ас, мажош йолчарна федералаша хIун до сайна хуун дела.
Кхана Iуьйранна новкъа довла диезара тхан. Буохам хиллачул тIаьхьа со мегарг набъеш а вацара, наб ца кхиетара. Ткъа цу буса воьжнера со. Iуьйранна самаваьлча сан гIевлингахь Iуьллуш кехат ду-кх: «Дада, доьху хьоьга сох кхиета а кхиета, суна къинтIера а вала. Со соцуш ву кхузахь. Со лиеха а ма лиеха, суна са а магатде. Со воккха хилла, даймохк, гергарниш ларбан диезаш ву… Цхьа дехар ду хьоьга. Нанас чIогIа сатийсинера. Шовдина консерватори чекхъяккха гIодехьа. Юха а къинтIера  вала суна. Хьан жимахверг».
И рогIера туохар дара. КIант жима а, Iовдал а хиларе терра тIеман ямартло а, къизалла а муха ю хууш вац. Цуьнан дог-ойланах дика кхиета со, къонахчуьн гIулч ю цуо яьккхинарг. Суна хаьа хьалхарчу тIамехь и санначу кегийрхойх хилларг. Кху заманчохь ша цхьаммо къийсар сонталла а ю, эрна а ду. Ша шена кхайкхош Iожалла ю. Ваха диеза, деша диеза. Цхьа де хьалха, ша кхузахь Iалур вац, Европе дIагIур ву ма элира цуо соьга. Цунна гайта кхин некъ суна а ца гора. ХIуммаъ ца олуш Iийра со. Ткъа хIинца. Жимахволчух а вала воллу-кх со аьлла хийтира. Суна. Кара а вина, ойла хийцийта йиеза цуьнан, со да ма ву, човхо виеза.
Со Ботлихе ца вахара, воьдийла а дацара. Юха а Соьлжа-ГIала охьавахана хила мега иза, аьлла, сайн машенахь цига ваха новкъавелира со. Хорача, Ведана, Сиржа-эвла, Шела, Гермачиг – хIора юьртахь эвлаюкъ еса ю. Гуш  адам дац. Цхьаннах бIаьрг кхетча, саца а соций кIантах дерг хоьтту ас. Ца гина, ца хаьа. Соьга а кхин охьа ма гIуо олу. Со дIаоьхура, кIант гаре сатуьйсуш ца Iаш, суо кху балех ведда гена вала лууш. Сан синкхиетам бIарзбеллера. И сайн кIант санна тIамна дуьхьал хаьхкина воьдура со. И суна дуьхьала кхийтира. Хилларг хIун ду а ца хиира. Сан машен некъан йистерчу саьнгар чохь Iуьллу. Со лазийна а, цIех вуьзна а ву.
Шеларчу райбольницехь чолхе хьал ду. Лоьраш а кIезиг бу. Делахь а, соьга хьаьвсира. Меттавалийра. Со схьавалош баьхкинчара боху, со дийна муха висна ца хаа шайна. Сан машенах цаца бина. Сан хьаж жимма дIакхетта Iаржделла, атаделлачу хьалхарчу аьнгалин гаьргаша юьхь цистина, бIаьрга хIума ца кхиеташ а дика висна. Ши куьг ду-кх кисахьерчош дихкина. Цхьана лорйишас забар йо:
- Кеста рояль лакхалур яц хьоьга.
И дешнаш сан хьех Iоьттина маха санна ду.
Даима а кIентийн бала болуш а, церан гIайгIа беш а ма вара со. ЙоьIан гIайгIа бийриг зуда яра. ХIинца Шовда нана а, ваша а воцуш йисна. Цул тIаьхьа жимах волу ваша къайлаваьлла, со а вайна. Цуьнгара хьал хаа  хала ду. ТIаьхьуо дийцира суна цо лелийнарг. Мохь хьоькхуш карзахъяьлла, хьалха кеманийн гIовгIа хезча маьнги кIел дIалечкъаш хилла йолу иза, хIинца ара а эккхий, неIалташ кхайкхош, мохь хьоькхуш хиллера.
- Суна туоха! Боьха хIумнаш! Лаьхьарчий! Акхарой!
ТIаьххьара ша карзахъяьлча, лекха берд болчу агIора басех чухьаьдда хиллера иза. Цхьана тIулгах а тасаелла, охьа а кхетта йоьжнера…
Мел чIогIа маракъевлира цуо со гучуваьлча, иэгош яра, йоьлхура. Иэшамийн а, дахар дуохаран а ирча жамI дара и! Хала охьайижийра ас иза. Суо маьнги юххе охьахиира. Йоьлхура, цIийзара, сан куьг дIа ца хоьцуш нене кхойкхура, соьга шена юххера дIа ма вала бохуш. Наб озийначул тIаьхьа а, дIатийча а куьйгаш къуьйлура пхенаш ийзош санна. Юха тоха а елла, узар а дина дIахийцира сан куьг, дуьненан дог диллича санна. ТIаккха со вилхира, чIогIа вилхира. ЧIурам а баьгна белира. Чохь сан кийрахь санна бода хIоьттира. Суо Iаччохь букар вахна со. Суна а охьавуожа, набъян а лаьа, хIара  гушдерг гIан хилийта а лаьа. Амма хIара саннарг гIенах хуьлийла дац. Делахь а со доьзалан да ву. Баккхийнаш Iалаш ца беллехь, кегийчеран гIайгIа бан биеза ас. Жимахверг дагавеъча, кхин цхьа хIума а дагадеа. ТIом балале хьалха сан воккхахволу кIант лачкъийча, дуккха а герз эцнера ас, хьалха яздина ма-хиллара. И сингаттам дIабаьлча, цхьа жимачу  хьиеха чохь хьулдинера ас и герз тхешан кертана юххехь. Сан жимах волчу кIантана и мичахь ду хаьара. Цигара герз схьаэцний-тиехьа цуо? Эццехь, тIаккха…
Буьйса Iаьржа ю. Соьгахь серло туоха хIумма а яц. Сирник лато а йиш яц, сан куьйгаш киса хьарчийна ду. Серло а ца оьшу суна, цхьанна серло гарна а кхоьру. Сан хьуламехь цхьа ца хилла. Сиха леллачух тера а ду. Ас гата схьадаржийра. БархI биргIанах цхьаъ тоьуш яц.
Автоматца танкашна а, кеманашна а, йоккхачу пачхьалкхана  дуьхьал ваьлла сан кIант? ХIун де ас? Цу буса басехула сайн йоIа буьйса йоккхучу юьртахочуьн керта суо охьавогIуш, Казахстанерчу берийн цIийнахь суо цхьа хилар дагадеара суна. Боккха доьзал хиларе сатуьйсура ас. И доьзал сан бан а бара, церан дуьхьа вехаш а вара со. ХIинца цхьа йоI йисна. Меллаша разъяьлла, цIийзаш йолу неI схьайиллира а. Чохь бода бу. Сайн боданечу дахарх ваьлла со. Ша Iаччохь букара а яхна Iаш ю иза. Месаш охьа а кхозуш ю. Оцу тийналлехь, цуьнан доцуш санна хиетало чIагIделла шога аз:
- Хьуна ца лаьа соьца Iа?
- ЙоI, - юххе охьа ***й маракъовлу ас иза, - со цхьана минотана араваьллера, гIуллакх хилла.
- Вешин ойлаеш хир ву хьо? Суо кIант велахьара, цуьнца дIагIур яра.
- Ахь хIун дуьйцу, Шовда? Хьо йишлакхархо ма ю?
- ДIасацахьа! – мохь белира  цуьнга. Йоьлхура тIаккха дерриг а дегI а иэгош тийжа йолаелира. Цуьнан букъ тIе сайн лазийна куьг а хьоькхуш, цхьаъ дуьйцу ас. ЦIаьххьана корта а ойбий, боданехь бIаьргаш а лиепаш оьгIазе боху:
- Тхо кхуза схьа хIунда далийра ахь? ТIом буйла хьайна хуъушехь. Кхузахь даима а тIом ма бу! Ткъа ахь «Даймохк, вайн лаьмнаш, вайн шовда»! Мала хьайн шовдан хи, садукъдаллалц!
Цуо кхин а ирча а, бакъдолу а дешнаш дуьхьалдеттара суна. Цара со чIогIа лазавора, дегI цоьстуш санна хиетара, корта эккха боллура, легашка шед хIоьттира (суна хиетарехь и рак боху лазар  оцу буса сайх хьакхаделла моьттуш ву со). ЙоI юха а карзахъелира, етталуш нене а, веше а кхойкхуш мохь хьоькхура. Арахь геннара схьайогIуш кеманан гIовгIа яра. ЙоI йоьлхучуьра сецира. Юха арахьаьдира. НеIарехь и схьалаца кхиира со. Карара яла гIерташ мохь бетта. Цуьнгахь оццул ницкъ бу аьлла дагахь дацара суна, хала сецайора ас иза. Къар ца луш, арагIерта иза. ЦIаьххьана хьалхий – тIаьхьий ши эккхар хили, тхо чохь долу хIусам а ластош.
ЙоI дIатийра, мал а елла, хаба а хебна, сайн марахь гIийла беран санна долу дегI ду. Иштта гIийлачу, беран озаца шабарш до цуо:
- ХIинца цхьаьннан нана а, ваша а вийна-тиехьа?
ХIун эр ду ца хууш, вист а ца хуьлу со. Ша-шега бохуш санна олу цуо:
- ХIунда? ХIун бахьана долуш до и цара? Вай оьрсий а доцуш, нохчий ду аьлла дойъу? Глинка а, Чайковский а, Стравинский а оьрсий хилла?
- Кхара Чайковскийн а, Стравинскийн а мукъамашка ла ца дегIна, - ала цхьа хIума карий  суна  а.  Иза  йист  а  ца  хуьлуш, иэгош ю. ХIун аьлча цуьнан сатедийр дара ца хууш, жимма а цуьнан дахаре сатийсам кхолла гIерташ лере а таьIна шабарш до ас.
- Ахь уггаре тоьллачу консерваторехь доьшур ду. Ас дош ло-кх хьуна. Хьан вашас диехар дина соьга. Хьох бакъйолу йишлакхархо хир ю.
Малъелла дIатийнера иза, дIахецча  охьайожа а мегаш. Кеманан гIовгIа дIатийра. Тийналлехь юха а цуьнан шабар:
- Дада, хьалха суна чохь даима а мукъамаш бара. ХIинца эккхаран гIовгIа ю. И дIа а ца йолу. Сан лергаш а, корта а лозу… Кхузара дIайигахь со.
- Са ма-хилли дIаюьгур ю.
- Мича юьгур ю ахь со? Вайн цIа а, доьзал а, нана а ма яц?
ХIун эр дара ас цуьнга?
- ДIаюьгур ю, дIаюьгур ю.
- ТIом а, лелхарш а доцчу метте дIайигахь со. Машар а, музыка а йолчу дIайигахьа со. Доьху хьоь, дуьненчохь хаза музыка лоькхучу метте дIайигахьа со… Сайн ненан дуьхьа лакха лаьа суна, цунна лаьтта бухахь, я стиглахь жимма а гIоли хилийтархьама…

16 апрель
 Сан баланийна бехке мила ву, бохуш хоьтту ас кест-кеста сайга. Со суо ву-кх. Аьтто ма-белли вада виеза буохам а, тIом а хила тарлучу меттера. Хьекъале нах бовда а бовду. Соьлжа-гIалахь кегаре болабелча 90-гIа шераш долалуш, кхузара бевдира: оьрсий, жуьгтий, эрмалой, цигонаш, цхьаболу нохчий а. Со вада ца велира, ца лиир-кх. Кхузахь сан болх а, рицкъа а, Даймохк а, кхидерг а ду, бохуш яра сан амал а, дог-ойла а. Цара со доьзалх а ваьккхира. Оцу итт шарахь 300 эзар сов адам хIаллакдина Нохчичохь. ТIаккха сайн хилла иэшам массеринчул а боккха хиета суна. Сан бехк хIун бара? Ас цхьа а  вен а ца вийна, талор а ца дина, къола а ца дина. Пачхьалкхан балхахь хьанал къахьоьгуш, оцу къинхьегаман  совгIаташ долуш вара со. Ткъа Россин Федераци тIамца суна тIелетта… Суна ца летта, вайн инарла-президентана, цуьнан Iедална, Конституцин раж дIахIоттор ю шаьш аьлла, тIелетта. Цу тIехь Россин Конституцин суьдо, Москвара Iедал нийса дац аьлла чIагIдира. ХIунда аьлча, и Дудаев а, цуьнан Iедал а С.А.Филатовс (хIетахь Россин Президентан администрацин куьйгалхо хилла волу) яздина ма-хиллара, оцу Москварчу Iедало магийна а, дIахIоттийна а дара. Кхечу оьрсийн яздархочо ма-аллара: «Ас кхоьллина хьо, ас вуьйр а ву».
Сан а, сан доьзалан а хIун бехк бу? Бехке ву-кх цхьанна чIогIа мала а, даа а, куьйгалла дан лууш хиларна. Ткъа адамаш? Iожаллаш? Россиянаш? Бомбанаш етта аьлла омра диначара ойла йорий тиехьа сан цIа чохь дехаш адамаш хиларан? Я вай адамаш а ца лору цара? Суна цкъа а йицлур яц сан доьзал хIаллакбеш, сан коьрта тоьхначу ракетин номер.
Ельцинан цIарах кехат яздира ас, и ракета кхосса омра динарг мила ву бохуш. Жоп ца делира суна. «Президентан йозанаш» аьлла йолчу шен дашалецамашкахь Россин президент хиллачу Б.Ельцина иштта яздо: «Нохчичоьнца хилла тIом уггаре а похIмалла доцуш бара. Иза сан гIалат дара». Иза цуьнан гIалат дацара. Иза берриге Россин бахархойн гIалат дара. Иштта похIма доцу куьйгалхо муха  хоржур   вара,   лан а муха ловр вара? Делахь а, хIора а халкъана хьакъволу паччахь нисло.
Оцу куьйгалхочо шен шина дагалецамашкахь Нохчичух лаьцна аьлларг цхьа абзац ю. Цул хьалха а, тIаьхьа а  дуьйцург Россин бахархойн дуьхьа ша чIогIа халонаш ловш, къахьийгира бохуш  яздина цуо ша и йозанаш ца яздинийла хууш ду, Iуналла дина яздечарна тIехь. Цундела Ельцин сийлахь турпалхо санна гойту цу тIехь.
Амма Россехь кхин яздархой а бара, шайна хуург а, бакъдерг а яздеш, шайна гIоленаш а ца лоьхуш. Оццу С.А.Филатовс яздо: «Уггаре чолхе а, лазаме а хиламаш хуьлучохь, мича вахана ца хууш, къайлаволура Ельцин. Иштта хилира I99I–чу шарахь Нохчичохь «къаьсттина чIогIа хьал» хIотточу хенахь. Цунна тIекхочийла яцара. Эрна дацара вице-президент волчу А.Руцкойс лакхарчу Советехь кIира хан ю ша Ельцинца телефонца къамел дар ца хуьлу».
Кхин дIа а: «Ельцинан цIуьхIарш: Коржаков, Баранников, Ерин, Грачёв, Барсуков (берриш а тIаме сатуьйсуш болу инарлаш). Иштта бар-кх россиянийн харжам. ХIара яздан волавелчара С.А.Филатовн книги тIера кхин цхьа меттиг а: «Цкъа дагахь а доцуш цхьана хиламан теш хилира со. Ельцина коьрта ши гIаролхо вара стоьл тIе масех шиша коньяк а хIоттийна, хIоранна чуьра охьа а дуттуш Ельцине дIамолуьйтуш. ХIора коньякан  дикаллин мах хадош, Ельцина аьлларг дIаяздеш. Цхьана шайна оьшучу агIор цуьнга сацам тIеэцийта лиелош хир дара иза. ХIетахь Президентан цIачохь хIусамаш йоькъуш бара».
Кхузахь олуш ма-хиллара, ала хIума дац. Иштта Нохчичохь тIом бу боьдуш, хIусамаш екъна ца Iаш, заводаш а, маьIданаш а, хьаннаш а дIасайийкъира. Сан декъаза кехат тергалдечохь дацара, миллиардаш дара дIасадоькъуш. Сан-м, бакъдерг дийцича, оцу дерригенца а бала бацара. Ткъа и маларх долу къамел ас хIунда хьахийра аьлча, кхузахь маларх кхиеташ вацахь вахалур вац бохуш, и дарба суна магадора цхьаболчара. Дерриг а шен-шен рогIехь дуьйцур вай. Делахь хIета, вайна гонахьа долу адамаш, дукхах долуш адамаш дика нах бу, аьлла даре дан диеза вай. Гергара а, бевзаш а боцчу наха цхьана лаьмнийн некъашкахула дIадигна Махачкала сан доттагI Алиев Мохьмад волчу кхачийра сой, Шовдий.
Цига дIакхаьчча уггаре хьалха сайн киснара телефон юьйлира ас. Жимма и «денлушшехь» ваша Гехон кIанте зIетуьйхира, сайгара буохам цунна бовзийта. Цуьнан номер болх беш яцара. Максима схьатуьйхира зIе, цунна хууш хиллера, кадамбеш  а,  ша волчу дIакхойкхуш а ву. Ша суна тIаьхьа ван а гIерта. И хала хир ду Шовдина. Шийтта-дейтта сохьтехь машен чохь некъбан атта дац цунна. Машен а ца лов цуо, Iеттор ю. Цо наб ца йо, хIума ца юу, вочуяьлла. Даима корта лозу, лергашкахь гIовгIа ю бохуш сагатдеш ю, и эккхар хиллачул тIаьхьа. Больнице охьайижо гIоьртира, юххехь со воцуш, сох яларна кхоьруш, ца юьжу. Лоьрашна а, суна а хаа цуьнан лазар хIунда ду. Хеназа нана дIаялар боккха иэшам бу иштта къоначу хенахь. Цунна гIодан ницкъ бац тхан. Цунна цхьа чIогIа Iаткъам беш долу молханаш делча, кхин а чIагIделира лазар.
Эццахь сан гендиректор  ву Москвара схьа зIеетташ. ЙоI а ялош кеманца Москва схьавола бохуш. Цигахь лоьралла дика лиеладо. И бакъволу лор хиллера – къена профессор-психиатр. Леррина хьаьжира и Шовде, цул тIаьхьа сох таллам бан волавелира:
- Хьоь Нохчичуьра вуй? – юха тхойшиннан цамгаран бахьана къастийра. – Шуьшиннен а кортош айпедина. Кортош лазийна бохург дара иза.
- Хьо молуш вуй?
- Цкъан а ца мелла.
- Мала диезара… ХIокху махкахь наггахь сапаргIатдаккха диеза, дийнахь бIе грамм муххале а молуш.
- Кхунна? – йоIе хьаьжира со.
- М-хIаъ, шуьшинна дарба дан диеза. Къаьсттина – йоIана. ХIокху клиникехь мах бала диезар ду.
Сан гендиректора шена тIелецира и харж. Шовдина ша чохь Iилла дика палата хуьлуьйтуш.
- ХIан-хIа, - элира къеначу лоьро. – И ша йита мегар дац. Мелхо дуккха а зударий болчу, цомгуш нах болчу, къаьсттина къона зударий болчу нисйийр ю вай хIара. И дерриг а шуна маьхза а хир. Нохчичоьнна, нохчашна и гIуллакх  мукъане дан декхарийлахь ву со.
Шовдех дог лозура сан. ХIинццалц со шена юххера дIа ца волуьйтуш, кхоьруш йоьлхуш ма яра иза. И лор лаккхара говзалла йолуш а, дика адам а  хиллера. Молханаш а ца мийлош, къамелаш деш хIора дийнахь, хьайна гIоли хилийта, яха йиезаш ю хьо бохуш, дахаре юхаерзийра цуо иза. Со а йоI йолчу воьду тийна сахьт чекхдаьлча. Ша балхара дIавахале кхин цкъа а Шовда йолчу а вогIий, велакъиежаш, и хьостуш олура цуо:
- Пхьор диъначул тIаьхьа уьйтIа ялий, йолалолахь. Цхьана сохьтехь, зудаберашца цхьана. – Зудабераш, - чохь болчаьрга олура цуо, - ХIара ша ма йиталаш. Охьайижале еттшура а мала, легашна а, лергашна а куьг хьакха, ас хьайна гайтина ма-хиллара. И ца деш ма Iелахь.
ЙоIана гIоли хуьлуш яра, денлуш яра. Цкъа со веъча, палати чохь яц-кх. Лоьран кабинет чу ваха со:
- ХIинца хан кхаьчна моьтту суна, - велакъиежа лор. – Ас леррина тхан актови зал чу хьажийна иза. Цигахь сцена а, уггаре а коьртаниг – фортепиано а ю. И гича цуо хIун до хьажа лаь суна. Шен кхиерамаш эшалур буй-тиехьа цуьнга? Цуьнан лерса меттахIуттур дуй тиехьа? И ду коьртаниг. Кхиерам чIогIа бу. Даимана а музыкех  дIакъаста  тарло,  цуо  и  фортепиано  тергал  ца  яхь. Кхин некъ бац. Хан кхаьчна. Ишттий бен иза метта йогIул яц.
Со суо а вара хIора дийнахь цуьнан ойлаеш. И музыке муха юхаерзалур яр-тиехьа, бохуш. Оцу деношкахь цуьнан нана дагаоьхура суна. Тхох хиндерг шена хууш санна, ша дIаяллалц йоьIан гIайгIа беш, музыка цунна Iамош, марзъеш чекхъяьллера иза, со дуьхьала воллушехь.
И денош дагадеъча холчу хIутту со. Хан яьлча синлазам байбала биеза аьлла хиета. Амма иштта дац. КIантера хаам бацара Нохчичохь тIом карзахбаьллера. Кхузахь цомгуш йоI. Доьзалх хаьдда, хIусам а, таро а йоцуш со ву. И зуда ца леш, со велла велара аьлла хиетара даима а. Ненаца атта хир дара берашна, къаьсттина Шовдина. Нанас Шовда шен музыке юхаялор яра. ХIинца Шовда ша къийса диезаш ю. Ларор  юй-тиехьа  и?  ХIара  зеделларг  долчу лоьре   цунна   гIо далур дуй-тиехьа?
Луларчу гIишло чу воьду сой, изий. Охашимма кхин бина барт бацахь а, цхьаъ къахкорна кхоьруш санна, когабуьхьара а хIуьттуш, тата ца дан гIерташ, лами тIехула шолгIачу гIат тIе хьалавелира тхойшиъ. Цхьана луларчу ломан чIожера схьахеза гIийла кхардаме аз санна, тхан лере кхочу мукъам а, цуьнан дIатийна аз а. Бете пIелг а лаьцна сецира профессор. Со а вулавелла, логехь шад а хIоьттина. «Нана» цIе йолу йиш яра Шовдас саийзош санна лоькхушъерг.

17 апрель
Йоькханий, йочаний сиха хийцало лам чохь. Iуьйранна цхьа а марха яцара. Малх шортта бара. Йовха яра. БIаьсте. Накхармозий Iаьнах муха девлла хьоьжуш вара со. Уьш реза доцуш дере хилча, йочана тIейогIийла хиира суна. Иштта хила а хилира. Делкъана къилбаседа-малхбузера мох хьаькхча  догIа  догIу. БIаьстенан юьххьехь оьшуш а ду иза, дукха шийла ца хилчхьана. Дала ма дохьийла хIокху хенахь буса гIура хилар. Массо хIума зазадоккхуш ю, башха архьа яьржина гондахьа. Зазан дургал дахар юха дендаларан билгало ю. Iалам санна, адам а цкъа леш, юха денлуш хилча. Велла, юха денвелла. Юха а велла, денвелла… Стенна дуьйцу ас и? Са леш ма дац, схьахиетарехь. Схьахиетарехь бохург хIун ду? И ойланаш ас хIунда йо? Мох хьаькхча а, догIа деъча а сан ток дIайолу. Бен доцуш дIатийсина аьчкан серий. Сан йоIа боккха мах белла суна сайна схьаялина ма ю. ХIинца  сахиллалц серло хир яц. Сан башха сагатдан а ца диеза. Ишттаниг нисделча хьала лато генераторца мотор ю сан. ПIелг тIетаIийча хьалалета иза. Тховса и пIелг таIо а мало йо ас. Йочане хьаьжжина ю сан дог-ойла.
Ведда схьакхечи лулара кIант, соьга маршалла а хаьттина мотор хьалалатий, Шовдас аьлла бохуш. Со волчуьра лулахо волчу кхаччалц цхьа чакхарма юкъ ю. Массо а лаьмнийн ярташкахь иштта даьржина ду цIенош. Кхузахь Iаш кIезиг нах бу. Ваха атта дац. Берашна диеша ишкол а яц. Ца тоьуш дуккха а ду-кх… ХIинца со волчохь ток яц. Делахь хIета юххера телефонан антенна болх беш яц, зIетуоха йиш яц. ХIора сарахь соьга телефон етташ йолчу йоIа мах а белла суна юххехь хIоттаяйтина и антенна. Сан телефоне болх байтархьама, цуо лулахошка хаам бо. Цигахь зIе дика болх беш ю, юкъара антенна йолу дела. Цундела гучуволу лулара жимха. Цара-м иштта а гIо дийр дара суна. Ламчуьра и гIиллакх дIа ца даьлла. Делахь а суна хаа, Шовдас церан карточки тIе ахча тосийла. Цундела сан мотор чохь даима а бензин хуьлу, ток а хуьлу. Ток хилча зIе а болх беш ю.
ЙоIа телефон етта. Ас дечу гIам-гIимах хаьа цунна соьгахь хIун хьал ду. Иштта дика лерса ду цуьнан. Лерсина дерг аьлча. Ас дуьйцур сан йоьIан музыкальни лерса ду. ТIаккха юха сайн дахаран хорше воьрзу со.
1999  шеран гуьйре яра. Сан Шовда Москварчу клиникехь йолуш, шен кхин дIа а музыкехь деша лаар хьахийра. Цу дийнахь, сарале со Москварчу консерваторе вахара. Соьга цара хаза гIиллакхехь элира, музыкальни училище чекхъяьккхина яцахь сан йоI дIаиэца йиш яц шайн аьлла. Я цуьнан цхьа чIогIа лакхара похIма а, говзалла а хила йиеза, Нохчичуьрчу йоIехь и елахь тамаш а бу.
Чохь Iан хIусам а йоцуш долчу тхойшинна, хIун консерваторе хьиехочохь дара. Оьшурий иза тхуна? Суга чIлгIа хала дара. Со суо висча муххале а. Дуьне духуш санна хиеташ гIайгIано сабIарздой кху дуьненах а, хуьлуш долчух а ца кхиеташ вуьсура со. Велавелла, я велакъежна адам гича, и сийсазалла  хиетара суна. Уьш сан гIийлаллех а, дакъазаллех а буьйлу моьттура суна. Оцу адамех къехкаш, цхьалле сатуьйсуш, оьгIазалло вагавора со. Нагахь сайн жимахволчо динарг къобалдой, цуьнан лорах дIаваха ойла хуьлура. Юха сама а волий, кIантах хIун хилла-тиехьа, дийна вуй-те и олий кхиерам тосура дагчу. ТIаккха мосуьйттаза аэропорте а воьдуш, кIант лаха воьду бохуш, кеманна билеташ оьцуш меттиг а нисъелира. Шовда дага а йогIий, нехан гIалахь и ша юьтийла ма дац, олий, юхавоьрзура. Айса хIун дийр ду ца хууш холчохь вара со.
Шовда Соьлжа-ГIала юха юьгур  ю бохург хьиехочахь а дац. Суна Нохчичу ваха лаьа, кIантана сагатлуш. Цигахь сан болх а бу, цигахь бен рицкъа лохийла а яц. Юха а зIе етташ сан гендиректор ву. Соьлжа-ГIалина уллехь беш тIом а бац, мехкадаьтта даккха  дуолон диезара боху. ТIом белахь а, цига ваха кийча ву со-м. Делахь а, йоIана хIун дан диеза, и кхузахь ша юьтийла а ма дац. Эццахь ваша Гехон жимах волу кIант дагавеара суна. Ваша Гехон ши йоIIий, кхо кIанттий дара. Цуо ша-м шен виъ кIант ву олура, со юкъа а озош. Цу тIера дIадоладелла хила а мега дерриг а.
Сан ялхийтта шо кхаьчча, ваша Гехос ша весет дина элира. Шен берриге бахамах пхи дакъа а дина, цхьа дакъа шина йоIана кхочур ду. Важа диъ дакъа – веа кIантана. Суна кхочург – лулахошкара схьаэцна долу буьйда кибарчигах доьттина жима цIа а, ялх соти латта а дара. Йоккха гIовгIа иккхира. Суна а хезаш ваша Гехон зудчо элира:
- ХIан? ХIа а хьуна! Вай оццул долчу шерашкахь тIе-кога духуш, даош-малош кхаьбна. ХIинца цунна дакъа дала а диеза?  Цуьнан шен гергара нах а, тайп а ду. Цига дIа а вахна, цигахь Iайта. Цара гIо дан диеза. ХIинца ша а коьрте куьг кхочург хилла ву, жима вац. Ша-шена сискал яккхийта. Вай ваьш а хала дохкуш ду. И дакъа духкур ду вай! Мехкарий маре бахийта хан тIекхаьчча. ТIедуха а дац. Хьайнчарна ахча а ца ло ахь. Кхузахь ма комаьрша ваьлла!
Бакъдерг аьлча, аса дегабаам бира. Я цу декъе сатуьйсуш а вацара со. ХIинца кхиета со, ваша Гехон зуда бакълуьйш яра. Делахь а, хIетахь со жима вара. Ваша Гехона со дукха везийла хууш, цуьнан воккхах волу кIант а, зудий,  ши йоIIий соьца  эмгаралла долуш бара. Цул тIаьхьа со кертахь Iан ца луш, дIавахара. Ваша Гехос къайлах сан кисана йоккха ахчанан туп таIийра. Цаьрца йолу юкъаметтиг ас хадийра бохург дацара и. Мукъа деношкахь со уьш болчу воьдура.
Ваша Гехо соьга даима а шайга кхойкхуш, сан гIуллакхашца бала хуьлуш, оьшучохь суна гIодеш хуьлура. ТIаьхьуо кхийтира со, оцу зудчо хIоттийна кепо ваша Гехон могашаллина Iаткъам бинера. ЦIаьххьана малвелла къанвелира иза. Сих-сиха цомгуш хуьлура. Со эскаре воьдуш леррина со новкъаваккха а веара иза шен жимах волчу кIантаца цхьаьна. ХIора кIиранах соьга кехат яздора цуо, ахча а тосура. Ваша Гехо дIаваьлча, цуьнан жимах волчу кIанта наггахь кехат яздора соьга. Со эскарера цIавеъча, вокзале суна дуьхьала веънарг иза вара. Цигара воьддушехь ваша Гехон коше велира тхойшиъ. Цигахь хаийтира цуо, ша суна дуьхьала вогIуш цIераниш реза бацара аьлла. ХIетте а уьш болчу а вахана кадам бира ас, уьш ган лууш а вара со. Суна хиетарехь, башха  галдаьлла хIума а дацара. Ваша  Гехон зуда, со гича бIаьргех хи а даьлла, со шена къинтIера валахьара, бохуш яра. Кест-кеста шайга вуола а элира, шаьш диц ма де, гергара нах хиларе терра. Иштта дан а дара и. Сан уггаре а гергара адам ваша Гехон жимахволу кIант вара. Тхойшиъ цхьанахенара а вара и кIеззиг сол жима а волуш. Цуо шел ханна йоккха а йолуш, кхечанхьа йина йоI а йолуш цхьа жеро ялийча, массара а чехош, цуьнан гIолаьцнарг со вара. Нанас а, вежарша а, йижарша а ца вуьтуш, дIасакъаьстира и шиъ. Цул тIаьхьа йоьалгIачу курсехь университет а йитна, эскаре гIуллакх дан вахара и. Наггахь бен соьга кехат ца яздора цуо. Кхин а кIезиг – шен гергарчаьрга. Юха цхьа шо даьлча ша бIаьхаллин некъ схьалаца воллу аьлла яздира. Цхьана барта тIе куьг а яздина. Суна хаара и барт бохург хIун ду. Со эскарехь волуш соьга а бехира, хьо байлахь кхиъна а ву, куьг язде. Ца яздеш цIавеара со. Ваша Гехон жимахволчо яздинера.
Цхьана кIирана цIавеъна, университетера шен кехаташ схьа а эцна, кхечу тIеман училище  дIадала воллу ша, аьлла, муьлхарниг ю ца дуьйцуш, дIавахара иза. Хьалхачул вистхилар доцуш, къовламе вара. КIезиг яздора кехат а. Шен адрес а дацара, цхьа почтан яьшкин номер яра. Цул тIаьхьа шега кхин кехат ма язде элира. Аьтто балахь ша хаам бийр бу, аьлла. 80-гIа шераш дуьйладелча хIаваанкеманца Соьлжа-ГIала веара иза. Ша майоран чин йолуш а ву. Москвахь шен ши чоь йолуш квартира а, зуда а, Шовдин хеннара йоI а ю, бохуш дозаллаш дора. ЦIахь цхьа кIира даьккхира, чIогIа къаьркъа а муьйлура, шен балхах лаьцна дуьйцуш хIуммаъ дацара. Юха а дуккха шераш  девлира и гучу ца волуш. Юха 1994 шарахь кехат деара Камчаткера. Эскарера  …. ГIуллакхаш кIордийна шена, кху шийлачу меттигашка шен лаамца схьавеъна ша бохура.
Цуьнан хотIе а, вехча цо кхуьйсучу дешнашка ладоьгIча и цхьана  Африкерчу бовхачу мехкашкахь хиллийла гучудолура суна. ХIинца генара Къилбаседе. Цул тIаьхьа I997 шарахь, эскаре мукъа а ваьлла Москвахь ваха хиира и. Цу хьокъехь леррина со Москва а кхайкхина, ресторане а вигна, ша полковник ву бохуш дозалла а деш, хIинца шена  цхьа дика белхан меттиг кховдор ю бохура, вела а къиежаш. Со-м тиешаш а вацара, цу хенахь Нохчичохь долчу хьоле ладоьгIча. Амма дукха хан ялале телефон туьйхира цуо ша Россин налогий министерствехь цхьана отделан хьаькам хIоттийна аьлла.
- Цхьа къайлах отдел хир ю и? – цецваьлла со.
- Цхьа къайле а яц, - воьлу ваша Гехон жимах волу кIант. – Цхьа талламийн а, тергояран а отдел ю-кх.
- И болх хьуна бевзаш хир бу? – хоьтту ас.
- Банне а бац. Ша берриг а аьшпаш бу. Кехаташ… Цул сан алапа мел ду хаттахь, - дукха а ца хиллера. Цуьнан пенсел алссам ду.. – Квартирах хIумма а луш вац, тIамехь дакъа лаьцна бохуш. Иштта ду-кх гIуллакхаш!
Дуккха а гIолехь хиетара суна цуьнан гIуллакхаш сайнчарел. Цуо сайн гIо лоцур ду аьлла хиетара. Цуьнан йиш ю. Бакъду, уьш а, цуьнан зуда а суна цкъа гина яц. Шен хIусаме со ца кхойкхура цуо. Цаьрца ша консерваторе деша дIахIотталц сан Шовда Iан мегара. Цунна суо дукхавезийла, сан балех доглозуш и вуйла а хаьа суна. Шовда а дукхаеза цунна, мосуьйттаза и йолчохь клиникехь а хилла иза. Цундела ас ваша Гехон жимахволчу кIанте  зIетуьйхира. Телефонехула и дийца товш а ца хетта, чехка вовшийн тIекхачар дийхира ас. Цуо ша волчу балха тIе схьавола элира. Цу дийнахь церан субботник хиллера.
Сахиллалц догIа ихна, Iаьмнаш а, хатт а бу массанхьа а. Делахь а шаьш цхьа болх бан кеп хIиттош белахь а, я боккъалла  цIано еш белахь а, нораш а, белаш а карахь хьийзаш бу министерствон белхахой. Ваша Гехон жимах волчу кIантехь хIумма а яц. И кхузахь коьртаниг ву, мохьбетташ, массаьрга къахьиега бохуш. Иза а цхьа забаре хиета. Цунах хIинцале схьаеттало къаьркъан  хьожа, цигаьрка узуш а ву:
- Дика ду хьо схьавеъна. Ахча дуй хьоьгахь? Сайгарниг мелла ваьлла со. Алапа ши-кхо де даьлчий бен дац. Кхуза гена йоццуш «Орга» аьлла цхьа нохчийн кафе ю. Ас даима а цигахь вайн кхача буу.
- ХIей, -  мохь бетта цуо шен белхахошка. – Со эхасохьтана волало. Дика болх белаш.
Новкъахь цхьана жимачу туькана чу а вахана, ас мах дIа а луш, цхьа къаьркъан шиша схьаийцира цуо, мехе хьаьжча уггаре а дорахниг а дара иза.
- Нохчийн кафе чохь малар ца духку, - кхетийра со. – И дика а ду, вайн харж кIезиг хир ю.
Кафе чохь вевзаш ву иза.
- Суна даима санна,  – шалха жижиг-галниш а дууш, къаьркъа молуш волу хIара санна онда стаг, оцу балхах чIогIа воьлла хила виеза. Цул тIаьхьа самукъане хуьлу иза. ХIинца хIунда делахь а гIайгIане ву-кх. Зеба дага а веъна, цунах дерг дийцахь а боху. Зебех лаьцна ас масех шо хьалха дийцинера цунна и дуьххьара Соьлжа-ГIала веъча.
- Зеба хилла-кх бакъволу къонах! – бохура цуо. – ХIаъ, вай дерриш тIемалой а, сонта нах а ду, - жамI дира цо. Дукха ца Iаш ша бIаьхо хиларе терра, ваша Гехон жимах волу кIант низам долуш ву.  Шек а воцуш юха субботникан куьйгалла дан волало и, дукхах дерг и субботник а    цхьа моттаргIа ю.
Тхуна тIейогIу цуьнан цхьа белхахо:
- Хьажахь, Александр Гехоевич, советски ткъе кепек карий-кх суна.
Цуьнан бакъйолу цIе Iала ю. Амма цуо екаш товш а ю, ша Александр Чеченский санна инарла  хиларе сатуьйсуш а ву аьлла шен цIе хийцина. Ас-м цунах Iала олу. ТIаккха Iала, я Александр, цулла ваша Гехон жимах волу кIант и ткъа кепек кара эцна лаьтташ ву. ХIинца-м кепекаш а яц лиелаш, цхьана соьмах а хIумма ца йогIу. Леррина цуьнга а хьежна хоьтту цуо.
- Дицделла, дерриг а дицделла. Нохчийн маттахь ткъе кепеках хIун олура?
- Эппаз, - дагадоуьйту ас цунна.
- ХIаъ, эппаз, - ловзадо цуо и. -  ДагадогIий хьуна «хи чу кхоьссина эппаз санна вайна», олуш хилла кица. И сох лаьцна ду хьуна. Иштта, - аьлла Iам чу кхоьссира цуо и нахарт, - иштта со а вайна-кх.
ХIетталц и иштта сингаттаме гина вацара со. Гуш лаьтташехь, жимвелла букара вахана, къанвелча санна хийтира и. Цуьнан сатедан гIоьртира со. Иза къовлавелира, вистхила а дог ца догIуш дIатийра. Эццахь цуьнан киснара телефон   йийкира. Къамел   дан    вуолавелча    меттавеъна,   бIаьргаш лиепа девлира цуьнан:
- Хьажахь! – телефон кисна а йиллина соьга боху, - Вицвелла хилла-кх со! Сан доттагIчуьн вина де ду-кх тахана. Со Iовдал вицвеллера. Сарахь ресторане воьду вайша.
- Сан йиш яц. Ца лаьа… Суна и вевзаш а вац.
- Вист ма хилалахь! – омра до цуо. – Ас доьху хьоьга, вуола. Цунна цхьа шиша а эцна совгIат дан диеза. Ткъа соьгахь ахча дац.
- Ас лур ду хьуна.
- ХIан-хIан. Хьоь соьца вогIур ву. Доьху ас. Соьца хила ца лаьа хьуна? Хьайн цхьа гIуллакх ду бохуш а ма вара хьо. Цигахь хьахор ду вайша. ХIан,  сарахь вовшахкхиетар ду вай. Арбатехь «Жигули» олучу ресторанехь I8 сахьт даьлча. Юьхьанца шайна юккъехь со хиларна делахь а къовлабелла бара уьш. Жимма маларх кхеттачул тIаьхьа самукъадаьллера. Сайн бала а бицбина велалуш со а вара. ТIаьхьуо, малар совдаьлча, уьш хьакхарчех дIатарбелча, айса цкъа а мелла ца хиларх, воккхавеш вара со., Сой, ваша Гехон жимах волу кIанттий бен ца вуьсуш вуьйш дIасабевлла карийра суна. Сан мах дIабала дийзира. Сайгахь долчух дерриге а бохург санна ахча дIаделлехь а, кхолламо со маларх ларварна болу и мах дукха ца хиетара суна. Буса сахьт долуш ресторан чуьра аравелира тхойшиъ. ГIелвеллехь а ваша а витна дIавахар товш дацара. Ткъа когаш тIехь а хала лаьттара. Такси а лаьцна новкъа девлира. Шен адрес дагадогIура цунна и схьадийца а ницкъ кхечира. Москван йистехь а воцуш ткъех километр генахь Iаш хиллера иза, цхьа тишачу «хрущёвка» олучу цIа чохь, пхоьалгIачу гIатехь.
Цхьа месаш яьржина, маларх кхетта а йолуш, оьгIазечу зудчо схьайиллира неI. Цуьнан букъа тIехьа гучуелира тIех ерстина а йолуш, пIелгаш юккъе лаьцна сигарета а йолуш цхьа йоI.
- Сан ваша, - элира ваша Гехон жимах волчу кIанта, - вовза. ХIара сан зуда Нюра, жимах йолу йоI Даша. Мичахь ю йоккхахъерг – Маша? Цхьанхьахула кхерсташ хир ду, кхахьпа! Чоьхьа вала!
Со ламеш тIехула охьахьаьдира.
ШолгIачу дийнахь телефон етта соьга. Аз хIайтъаьлла ду:
- Селхана хьан гIуллакх хьахор ца хилира.
- Баркалла, сагатдан ца оьшу.  Дерриг а дика дIанисделира, - боху ас.
ХIетталц сайл декъаза адам кху дуьненчохь хир дац моьттуш вара со. Амма Дала суна ма-дарра схьагайтира, ваша Гехон жимах волу кIант, хи чу кхоьссина эппаз санна вайна хилар. И сол дуккха а декъаза вара. Ван а вайра иза. Со кхо-биъ бутт баьлча Кубехь командировкехь а волуш, машенца некъан буохам а хилла веллера иза. ХIетале малар а, цигаьрка а йитина, ша Нохчичу цIа а гIур ву, цигахь керла зуда а ялор ю, аьлла, цIена машен а эцна хиллера цуо. Цхьа вехна шофёр дуьхьал а иккхина, нийсса тIекхетта хиллера цуьнан машенна.
Ваша Гехон воккхах волу кIант а, кхин а гергара нах а Iалан дакъа цIа дахьа Москва бахана хиллера. Зудчо а, шина йоIа а ца магийтира и дан. Москвара юххерчу цхьана керстанийн кешнашкахь дIавоьллинера иза. Цуьнан пхи-ялх доттагI а волуш, веа салтийчо автоматашца шатлакх а деш. Гергарчаьрга дан делларг – иза яьшкичуьра хьала а эцна, марчо а хьарчийна, моллига еса а доьшуьйтуш бусалбан динехь и юха дIаволлар дара.
Иштта, доцца дийцича, берахь дуьйна соьца ловзуш, лиеташ, цхьана хьалакхиъначу ваша Гехон жимах волчу кIентан  дахар, кхин ала хIума а доцуш. Ас сайн дахарехь дина а, ца дина а кхин даккхийра гIуллакхаш. Со а цхьаъ хилча санна, сайх лаьцна яздо. Делахь а дика масал дара – Дадуев Зебин дахар, мелла а тIедетташ, хаздина хила тарлуш делахь а, Зебас  шех лаьцна дагалецамаш а, шен цIе а йитна. Кхин хIун оьшу? Берашший? Цхьадолу бераш а, цхьайолу тIаьхье а ца хилча а кIадбоцуш ю. Дала ма дохьийла! Гондахьарчара, юкъараллин дIахIоттамо кхуллуш ю цхьаболчийн цIе. Кийрахь цхьа чIогIо елахь, доьналла делахь гучубовлу Зеба саннарш. Ишттачеран доьзале ойла а ца еш цхьана ханна дIалур яра ас Шовда. Амма, цкъа ваша Гехон жимах волчу кIанте и дехар дийр дацара ас.
Ткъа, къамелаш а дитна, сайн дахаран хорше юха вирзича, I999 шеран гурахь айса  йоIана  хIун гIайгIа бан биеза хууш вацара со. Цуо ша и сингаттам дIабаьккхира.  Хьалха сан доьзал Москвахь Iийначу хенахь шен хилла йолу музыкин хьехархо ю шега кхойкхуш, элира йоIа. Тхойшиъ цига дахара, Москвана юккъехь, ширачу цIа чохь, йоккха квартира ю. ХIусамнана дикка ханъяьлла йоккха стаг – оьздачу нехан амалш хаало цуьнгахь – доьху соьга:
- Сан бераш Америкехь дехаш долу дукха хан ю. Хьан йоI музыка Iамуо лууш а, Iамо йиезаш а ю. Соьца Iайта хIара. Суна гIоьнча а хир ю, ас цунна гIо а дийр ду.
Со Шовдига хьаьжча, реза хила везийла гуш ду. Дикка сапаргIатделира и цхьа сингаттам байбелла а.

23 апрель
Язданза масех де даьллера. Хаза бIаьсте йолуш, яз а ца лора, я яздан а ца лаьара. Йовха ю. Массанхьа зазадаьккхина. Керлачу дахаран архь ю хIаваэхь. Со мал а велла, йисна хан ларъеш вац. Со вехаш ву: картолаш, хьаьжкIаш, зезагаш дIадийна ас. Хохашна а, саьмарсекхашна а асар дина ас. Сан накхармозий а ду шайн болх беш. Иштта ваха виезаш хиллера-кх, хIинца мукъне а. Со-м вехар вара. Ца вахало-кх. Ца вити-кх. Вита а ца вуьту.
…Юха а меттигера милцо веа. Дика кIант ву, сан жимах волчуьн хенара, цуьнан тиешаме доттагI волчух тера а ду. Шегара раци а, телефон машен чу а кхуссий, со юьстах вокккху.
- Хьайгара телефон охьайилла, я дIаяйъа.
 Кхузахь мегарг болх беш зIе а яц, бохуш гIам-гIим до ас. Цо боху:
- Хьо дика иччархо ву. Ши борз йийр ахь… Буса кхийсира ахь  топ? Буса сагойтуш болу гIирс буй хьан? Топ муьлха ю хьан? Диканиг йолчух тера ду.  Америкерниг йолчух тера ду – шен киснара даьндарг гучуйоккху – вай юьртахой хилла ца Iаш, цхьана тайпанара а, гергара а нах ду. Уггаре а коьртаниг – хьан кIант сан юххера доттагIа а, тиешаме бIаьхаллин накъост вара.
- Э-э-э, - гIам-гIим до ас, и суна чIогIа лазаме дерг ма хьиехаде.
- Хьан кIентан «Реглингтон» олуш йолу тоьллачех иччархойн топ яра. Цуо иза къайлаяьккхира. ХIинца и топ хьоьгахь юй-те, аьлла хиета суна. Ахь мосуьйттаза гойту и кхуьйсуш хилар. Патармаш мичара довлу хьуна?
Со гIам-гIим а ца деш, цуо дуьйцучух ца кхиета кеп хIиттош ву. Кхин дIа а боху цуо:
- Кхузахь массо а вайниш болуш дика ду. Нагахь санна цхьаммо мотт туохахь, и гучудалахь, хьо а, со а дийна вуьтур вац.
- М-м, - оьгIазе гIам-гIим до ас.
- И топ схьало, я айхьа дIакхосса. Хьуна биен ца хиетарх, сан доьзал а, гергара нах а бу. Кхузахь хуьлучух жоп дала диезаш а ву со. Цхьа хIума хилахь, соьга хоттур ду. Схьалохьа и топ. Ас и хи чу а кхоьссина дIадерзор дара и гIуллакх. Ас чу а вахана, сайн шалго топ а и лиело елла бакъо а, иччархочун билет а дIакховдийра цуьнга.
- Со жима вац, - боху цо. – И хьан биргIа оьшуш цхьа а вац.
- Со набъеш вара, - куьйга эшарехь гойту ас. Сох тиешаш вац иза. ТIаккха чу а воьдий блокноттий, ручкий яхьаш араволу со: «Ахь хьуьнхара вежарий бу боху, тIемалой хиллий тиехьа уьш?»
- Кхузахь тIемалой бац, - боху цуо.
«Бу бохуш дуьйцу наха» - яздо ас.
- Уьш боцийла хьайна а хаьа хьуна.
«Беркеманаш схьадаьхкича гучубовлу уьш»
- Беркеманаш кхузахь гучудовланза дукха хан ю. Хьайна хаьа хьуна, - реза вац иза. – Цул сов, уьш тхан «вежарий» а бац.
«ХIинца боху ахь иштта», - яздо ас. Хьо кхечара кхобуш волу дела, аьлла тIетуоха лаахь а, ца яздира. Кхеравелла ца Iийра. Кхуьнан бехк боцийла хаьара суна. Иза сан  а ву, дика кIант а ву. Кху хьолехь шега далург деш вехаш а ву. И санна вехаш сан жимахверг а велахьара дика а дара. Делахь а тхайниг ша-тайпа гIуллакх дара, цуо кхин некъ лаьцнехьара ас и лорур а вацара. Мухха делахь а и дийна виснехь дика дара. И воцуш ву, цунах биекхам бан лууш со а ву. ХIокхунна и дерриг хууш а, гуш а ду. Шена и гIуллакх бале даларна кхоьруш, боху цуо:
- Хьо къуона а вац, я могуш а вац. ТIеман хенахь кхузахь хилларг дIадаьлла. ТIом а чекхбаьлла. Дерриг а дицде, массарна а гечде.
«Ахь хIун дуьйцу?» - яздо ас.
- Хьуна хаьа ас хIун дуьйцу.
- «Хьуна а, суна а хаахь, нахана а хуу хир ду-кх и»,  - яздо ас. – «Цуьнца муха вехар ву?»
- Дала дIанисдийр ду. Цуо кхел йийр ю массарна а.
 Со цомгуш а ву, кестта лийр ву, ткъа шаьш доьзал а кхобуш Iан диезаш ду, бохург санна, кхин дIа элира цуо:
- Хьо цомгуш ма ву. ЧIогIа цомгуш. Цул а ламазаш деш, доIа дие.
Эццахь со чIогIа оьгIаз вахийтира цуо.
- «Со ламазаш а, доIнаш а деш ву хьуна. Ахь хьиеха висна а вац».
- Бехк ма билла. Хьиехам беш вацара со. Хьуна хаийта гIертара. Схьалохьа и топ. Ахь цхьаъ дарна кхоьру со. Хьо биекхам бан ойла йолуш вуйла хаьа суна а, массарна а. Эладитий бен, даьлел  долуш хIума дац и.
- «Сан кIант ямартлонца, къиза вийна хилар – даьлел ду суна. И хьуна а хаьа. Сан кIант вевзаш а вара хьо. Тахана и дIадиекха ваша а, я доттагI а вац цуьнан. Со-м ву!!!»
Иза ойлане велира, юха элира:
- Хьо цомгуш ву. Зама а хийцаелла. Хьо… - къамел хадийра цуо. И хIун ала гIертара хаьа суна. Со цхьа а ву, суна тIехь сан цIийна кIур а дIабовш бу. Сан гIора а дац, сан къийсам беламе а бу, бохург хир дара и. Уьш цуьнан ойланаш ю. Со хIинцаъ дийна ву. Цуьнга дукха яздан а, и кхието а йиш яц сан. Ас хIара яздира: «Со нохчо ву! Со саннарш ца биснехь а, суна сайн Iадаташ дагадогIу. Нохчо ву со!» «Цхьаберш бацахь а» аьлла тIетоха диезара. Делахь а, ас бохучух и кхеттера. Ша чIогIа реза вацахь, къинхиетам беш санна элира цуо:
- Ас хьоьга хаийтина, - шен машен йолчу дIаволавелира иза. Юха цIаьххьана саца а сецна, сан дельтаплане а хьаьжна боху:
- ХIара къечIалг хIунда еъна ахь кхуза?
Куьйга эшарехь гойту ас – тIома вала дагахь!
- Сихонца дIаяккха хIара! ХIаллакъе! Я ас айса оцу Iин чу кхуссур ю. Iовдал ваьлла хIара-м, тIома вала дагадеъна… Кхузахь тIомавийла мегаш дац.
Иза машен чу хиъначул тIаьхьа, куьйга эшарехь собар де элира ас цуьнга. Цуьнга ала луург дукха дара. Ас доцца яздира: «Берзалошна топ туоха а ца мега. ТIома вала сатийса а ца мега. КIант вийнарг лаха а, цунна биекхам бан а ца мега! Тиекха а, садеIа а мегий?»
- Iовдал, суна хезнарг и бен дацахь а, цул а чIогIа дешнаш аьлла хир дара цуо. Цунна дегабаам бац сан, и сихха дIавахна а дика ду. Сан чоьхьа ваьлла, цIийнах хьаьжнехь, сан иччархойн топ маьнги кIелахь Iуьллуш ма ю. Сийсара гIелвалар бахьана долуш и герз даккха ма-деззара къайла ца даьккхира аса. Топ кхоьссинчул  тIаьхьа    леррина    цIанъян езаш ю. Иза а шен хеннахь ца дира, мало а йина.
…Ваша Гехос  дийцинарг дагадеара суна. Махкара даьхначу хьалхарчу шарахь чIогIа хала дара. Эрна арахь, шийла, меца охьабиссийнера нах. Мацалла яра. Тифан ун даьржинера. Адамийн а, къаьсттина берийн а гIайгIа бан биезара. Кхин дан хIума а доцуш, луларчу колхозера етт лачкъийра. Жижиг нийсонца дийкъира, хIора доьзална цхьа кийла сов кхочуш. Iедалан амал евзачара аьллера, даьIахкаш лаьтта йохка, жижиг сихха кхехкаде, дерриг даий чекхдаккха, сахилале чохь хьоналла ца юьтуш, чу гIум хьоькхуш еш цIанде. Iуьйранна милици еара. Карош хIума дацара. Еш чу пIелгаш а хьекхна, шайга баьхнарг дан малойина ледара зударий хиллачу лаппагIаш чуьра божарий лаьцна чубоьхкира. Малоно и до. И-м коьртаниг а ца хиета суна. Коьртаниг кхин ду. Со сайн дахарехь даима лачкъийна хIума доцуш, аьшпаш ца буьттуш, Дала Iалашвеш схьавеънера. ХIинца къанвеллачу дийнахь, чIогIа цомгуш велахь а, цхьа ког кошахь а болуш, цхьа   хIилла   дан  гIерташ   меттигерчу   милцонна хьалха бехказвуьйлуш, аьшпаш    буьттуш    ву моьтту массарна а. иштта ду-кх. Берзалошна юккъехь барзах угIа виеза.
Ши борз селхана йийра ас. ТIаьхьарчу хенахь пхи-ялх йийна а хир ю. Иттех чагIалкх йийна. Кхин экха ца доь ас. Сан бекъа цистина, нехан даьхни дууш, исбаьхьа лу а, масар а дуу цара. Биекхам беш ву-кх оцу гIира акхарошна. Лаамаза цу тIе даьлла-кх сан гIуллакх. Биекхам бар а дац иза, сайн иччархочун корматалла ларъяр а, карлаяккхар ду.  Сан дагахьдерг гучудуьйлучух тера ду. И меттигера милцо сайниг волуш, цуо цкъачунна и хьахор доцуш дика ду. Цкъа аьтто ма баьллера сан. Оцу хье юккъе туоха дагахь дукха хьежийна, пIелго аьлларг а ца дина висира. ХIетахь дуьйна чIогIа дагахьбаллам бу сан садууш. Ишттаниг юха нислойла а ца хаьа. Селхана сайн аьтто нисбелла моьттуш вара со.
Кхузахь, тхан лома кIелахь цхьа хаза тогIе  ю, юккъехула чекхдолуш жима хи а долуш. Шуьйра бай а бу, юккъехь цхьа Iам а болуш. ТIулгаш кIелара бухдуьйлуш ши шовда а ду. Гондахьа лаьмнаш а, юькъа хьаннаш а, акхарой, стиглахь аьрзуш а, хи чохь бакъчIерий  а долуш, дуьненан ялсамани санна хаза меттиг ю. коьртаниг иза а дац. Цигара дIахьаьжча Башлам дика го. ХIара меттиг инзаре а, дийнахь а, буса а кхузахь Iен дог догIуш ю. Амма цкъа кхузахь нах баха ца хевшина, шен куьцаца, цо адамаш бечу Iаткъамца а ша тайпана хиларна наха юкъара лоруш хилла.
БIаьшерашкахь гондахьа бехаш болу нах шарахь шозза кхуза гуллуш, цIей  даздеш хилла. Эшарш лоькхуш, хелхабуьйлуш, суртхIиттош, сакъоьруш хилла цара. Шарахь шозза  бен хIунда ца гуллора уьш? ЦIей дукха хила ца оьшу, я хан а яц нехан. Уггаре коьртаниг дукха адам гулделлачохь Iаламан хазалла талхо а тарло. Вайн дайшна хаьара иза. Цундела шайн тIаьхьенашна и меттиг кхоош а, Iалашъеш а хилла уьш.
Таханлера чкъор кхечу махкара тIелетта мостагIий санна лиела. ХIинца оцу меттигна гонаха керт а йина, долаяьккхина цхьаммо. Сан кертахь а цхьа турбаза ян дагахь бу бохуш дуьйцу. ХIинца а керт ца йина, амма цхьа кхузаманахьлера готта хечеш а, йоца пиджакаш юьйхина хьийзачу нохчийн кIенташа цхьа кхечу  мехкашкара инвесторш а балийна, царна сан керт гайтира, башха со тергал а ца веш. Ас ара а ваьлла царна тIехула хьала а ерзийна, ший лаг а озош яхийтира сайн шалготоп. Кхечумахкара баьхкинарш басех чухьаьвдира шайн машенаш чуховша а ца ларош. Со волчу милцойн тоба еара, шайца тхан меттигера милцо а волуш. Сайн тоьпаца со меттигерчу отделе дIавигира. Сан юьртахойх цхьаммо йоIе зIетоьхначух тера дара. Дукха хан ялале Соьлжа-ГIалара цхьа зуда-адвокат кхечира. Сарахь со цIаваийтира, топ шайгахь а юьтуш. Оцу зудчо суьде арз яздина хиллера: нехан долахь йолчу керта бакъо йоцуш чоьхьабевлча, дIахаийтар, со Iалашвар бахьана долуш ас кхоьссина топ бахьана долу со бехкеван бакъо яц, аьлла. Топ схьаелира. И яхьаш ша веара меттигера милцо.
- Хьоьга дIаала боху, ша жимма собар дийр ду, - боху цуо соьга.
Ас блокнот тIе яздо: «Мила ву и бохург?» - Сайна и мила ву дика хуъушехь. Кхузахь милици хьаькам ваша Гехон кIентакIант ву и хабар даийтинарг.
И ган чIогIа лаьара суна. Муха гур ву? ЧIогIа ларвеш ву иза. Кхоьруш ву. Со заIапхочух кхоьру хир вац иза, делахь а, цуьнан мостагIий дуккха а хир бу, иштта чIогIа ларвеш хилча. Суна шех хиетарг а хаьа хир ду цунна. Цундела сох къехкаш ву. Луларчу юьртахь, цхьана тезетахь Iаш вара а баьрче а ваьлла. Сох бIаьрг ма-кхийтти къайлавелира. Ша веара и со волчу. ВогIур вуй хиънехьара…чIирхо санна кийча хила виезаш-м вара со. Аьтто ца белира. Ша собар дийр ду бохург-м, со кестта лийр ву, сан бахаман дола дан кIант а ца вуьсу, йоI нахехь марехь хилла ца Iаш, генарчу Европехь ю. Сан цIийнан кIур байча, сан керт да воцуш юьсур ю бохург хир дара цуьнан дагахь.
Амма Российски Iедал а, законаш а ма ду. Цундела ас и сайн ков-керт Шовдин цIартIе а йоккхуш кехаташ кечдина. Ваша Гехон кIента кIантана и хиъначух тера ду. Ша схьавеъна со волчу езачу пхеа машенахь, гондахьа баьхна гIаролхой а болуш. Сан жимах волу кIант къайлаваьллачул тIаьхьа иштта юьхьдуьхьал хIоьттина вацара тхойшиъ.
Со сайн накхаршца болх беш воллура. Накхармозий дика нах бен биезаш бац. Цунах бIаьрг кхетча оьгIазло а, цабиезам а совбаьлла карзахвелира со. И гаре сатийсина вара со. ХIинца сан карахь герз дац. Топ, я урс схьаэца чу а вохуьйтур вац кхара. Иштта соьга и эшалур а вац, я эшавойтур вац. Вистхила аьтто бац, буйнаш къуьйлу ас.
Цуо боху:
- Тхан латта йоIана тIеяздан муха ваьхьна хьо? Иза нахехь марехь ю, кху лаьттан доладан бакъо йолуш а яц.
Ас оьгIазе гIам-гIим деш, сан некхах каетта – сайн лаьттах сайна луъург дийр ду. ЙоI сан верас ю. Иза со ала гIертачух кхетта.
- И йиш локху артистка а, и…. – цабиезам а, цавашар а ду цуьнан юьхьтIехь. Изза ойланаш сан а ю. накхармозий дарделла. Цхьаммо ю туьхи суна куьйгах. И цхьана хенахь суна гергара а, хьоме а хиеташ хилла юьхь сел эрча муха яьлла-тиеша бохуш ойла ю сан хье бууш. Оцу хенахь ваша Гехон кIента кIентан юьхь тIе а хии  цхьа накхармоза. Цуьнан бIаьрга кIел ю туьйхира цуо. Куьйгаш лестош, маьттаза мотт буьйцуш шен метта буьххьехь хилларг схьаэлира цуо:
- Сан дендас Гехос шен некха тIаьхь лаьхьа кхиийна хилла.
Со меттах а ца валалора. Цуо кхин дIа а дIовш Iеттадора:
- Хьан бераш а хьо санна къотарчий дара, ткъа хьан йоI кхахьпа ду. ХIара хаза мохк ахь цунна белла. ХIара хир ду цунна! – тамехь йоцу кеп хIоттайо цуо.
ОьгIазвахна чугIерта со. Ши гIулч яккхале охьатуьйхира со гIаролхоша. Цара суна тIехь хIун дира ца хаьа суна. Цхьа никх харцийна хиллера цара. Вой гIаьттина царна чухьаьдда, кхайкхаза баьхкинарш машенаш чу бевддера. Сан яцара-кх ваха а, вала а меттиг, чохь а, божалехь а. Цара сайна йиттина юнаш ягар ца йира ас. Уьш вуно дукха яра. Сайн лаппагIийн кораш а, неI а дIакъевлича а, накхармозий сан коьртарчу месех а летта а, пхьуьйшаш чохь а, хечийн когаш чохь юнаш етташ дара. Бакъ а еттара. ХIора ю тоьхна накхармоза леш ма бу, шайн никх а, шайн вой а лардеш, тIеоьцу цара шайн Iожалла.
Со цуьнан бIаьргаш схьабаха ца вахара, цуьнан боьха мотт схьа ца баьккхира ас. Вала ма-веззара вала а ца велира со. Со вистинера, бIаьргаш а къайладевллера. ДегI а, къаьсттина са а лозу сан. Суо Iуьллучохь воьлхура со, сайн гIелаллийна оьгIаз оьхуш. Юха цхьаммо муьшка йи суна. Лулахойн кIентан  аз девзира суна:
- Шовда ю хьоьга зIе дIа ца кхиета шен, бохуш, сагатдеш. Хьоьга зIе дIакхочу метте хьалавалахьара боху цуо.
Со кху хьолехь ваха лууш а вац, цхьанхьа хьалавала-м муххале а ца лаьа суна. Амма сан уггаре хьоме адам – йоI ю. Со чуьра араволу. Буьйса Iаьржа а, шийла а ю. Башломара охьахьоькху мох дегIах чекхбуьйлуш санна хиета. ЗIе гучуяьллийла хьоьжуш, сих-сиха телефон латайо ас. Шовдина ма хаахьара бохуш сайн дагахь, басех хьалагIерта со. И маре яхна ах шо сов хан ю. Европехь дика дIатаръелла Iаш а ю. Кхузара сингаттаме хаамаш и йолчу кхочийла а ца лаьа суна. Даима а кхузахь чIогIа дика ду, бохуш яздо ас цуьнга. Цхьадолу адамаш сан мостагIий хилла-кх, шайгахь Iедал а, ницкъ а бу аьлла эхь дайна, сийдоцчу бевлла-кх. Делахь а, и сан бала бу, йоIе цунах хIуммаъ хаийта лууш вац со, цунна хаьий-те, аьлла шеконаш-м ю.
ЗIе гучуяьлла, телефон йийки:
- Дада, муха ву хьо? – цуьнан цIена аз халахиетаро шагдича санна ду. Иза йоьлху. – Хьуна туьйхира цара?
ХIуммаъ ца хилла бохуш, дуьхьала гIам-гIим до ас.
- Ахь садеттара. Вай массо а садетташ мел Iий а, эвхьаза вуьйлу и. Соьга а ца олуш, боьха а, цIена хIума ца дити. Со хIинца нехан цIар тIехь ма ю, мар а волуш. Хьоьца цуо хIитто кеп? Дада, ас доьху хьоьга. Цу нахана юккъехь. Цуо ахчанах ша а, шен юххехь мел верг а воьхкина. Кхуза схьаволахьа. Дарба лело а, садаIа а Москва мукъане а гIохьа… Хьо суна оьшуш ву чIогIа!
ЗIе хедира. Цуо юха зIетохаре ладоьгIуш вехха лаьттира со. Йочана бахьанехь хила а мегара и зIе цахилар. Цуьнан дешнаша со кхин а карзахваьккхина, холчухIоттийра. Кхин хьалаваьлча а зIе яцара. Кхано, буьйса юкъал тIехъяьлча, верриге тIадийна, шелвелла сайн лаппагIа йолчу со охьавеъча, телефон серла а яьлла гучубелира хаам: «Ас иштта дуьтур дац. Хан оьшу…».  Юха  кхин цхьа хаам а: «Доьху хьоьга, схьавала цигара. Суна атта хир дара. Дан диезарг кхочушдан.  Хьуна цхьаъ дарна кхоьру со».
ХIетталц со а вара наггахь кхералуш. Сайн цхьаъ дарна ца кхоьрура. Айса адам диерна кхоьрура, ваша Гехон кIентан кIант муххале а. Цуо и дина хиларх тиешаш вацара со. ХIинца сайна и гича, цуьнан юьхь а, бIаьргаш а дайча, кхийтира со дерригенах. Сайна хуург а, цул сов а сайн йоIана хаьийла хиира суна. Сох и лечкъо гIерташ а ю иза, ша иштта дуьтур дац а, бохуш. Мухха велахь а да ма ву со. И гIуллакх къасто диезаш а ву. Муха? Суна и гуш а вац, со шена аьттиехьа а ца вуьту, сох кхоьруш. ТIаккха цул тIаьхьа цхьа-ши де даьлча накхармозаша ю йиттина со жимма меттавогIуш волуш, лахарчу исбаьхьачу тогIи чохь гучуевлира тохарлера еза Iаьржа машенаш. Цхьа чакхарма хиллал юкъ ю тхуна юккъехь. Де декхна ду. Дика къаьста суна герзах боьттинчу нехан догIмаш. Яххьаш ца къастахь а, куьйгаш лестош, омра деш волу ваша Гехон кIента кIант муьлхарниг ву хаало. Турмал елахьара. Эццахь сайн герз дагадогIу суна, айса хьулдина долу. Дукха хан ю со цуьнга хьажанза. И меттиг евзаш а, цу чохь герз дуйла хууш а ца хиллехьара, сан жимах волу кIант дийна висна хир вара, аьлла хиеташ, дагахьбаллам болуш, суо бехке хиеташ вара со. Цул тIаьхьа пхи-ялх шо хан яьлла (ма сиха йоьду зама), хIинца цигахь Iуьллуш иччархойн топ хилар дагадеара. Цунна тIехь йоллуш чIогIа онда турмал ю.
…1994 шарахь сан воккхах волу кIант лачкъийча  эцнера ас дукха герз. И дов  дика дIадирзича а, и герз  дIадоьхкина, я дIакхоьссина, кхоам хиеташ, дIа ца доккхуш, кхузахь жимачу хьеха чохь хьулдинера ас. Цхьа хазна йолуш санна, со тIеийзавора оцу хьуламо. ХIинца и адамаш дайъа лерина долу и герз чIогIа оьшу суна. И ду сан дахаран маьIна. Хьалха къайлах буса бен и меттиг йостуш ца хиллехь. ХIинца цхьаннех а ца лечкъаш, шайн турмалшца царна ган тарлушшехь вахара со цига. Топ, ас селхана охьайиллича санна, хьакхар а хьаькхна Iуьллуш яра. Иза а, иттех патарма а эцна со юха веъча, лаха чуьра машенаш дIайоьлхуш яра.
Юьхьанца чIогIа оьгIазвахара со. Юха ойлайича, со эскарехь волуш, говза иччархо хиллехь. И маца дара? Зеделларг делахь а хIинца ледара иччархо ву. Галвала бакъо яц сан. Цкъа бен айса леринарг кхочушдан аьтто хир бац. И аьтто тIаьххьарлерниг а хир бу.
Кечам бан вуолавелира со. Топ муха кхиета хьажа виезара. Генна лаьмнашка хьала вахний бен и дан аьтто бацара, нахана тоьпан тата ца хазийта. Говрашна туьха кхоьхьучу гали чу а юьллий и вовшахъяьккхина топ а оьций хьалавоьдура со. Топ чIогIа дика хиллера. ХIетахь тхо тIаме кечдеш дукха герз чуоьзнера. Цу герзо вайн дукха адамаш хIаллакдира, хIаллакдеш а ду. ХIинца ас и караийци. ХIара адам ден лерина долу герз. Наггахь хIара саннарг яздан эхь хиета. Сайн дахаран чаккхенехь, и сан чаккхе хир юйла хаьа, сох чалтач хилла воллу-тиехьа? Дела ма ву массарна а кхел йийриг. ХIетахь и шеконаш яцара сан. Со кийча вара стаг  вен. Ша-шена йинчу  кIелоне    иза   схьаваре  хьоьжуш  вара со. Хи мала догIу дийнат лардеш Iаш долу гIире экха санна, ладоьгIуш вара со и хаза тогIе тергал а еш.
I200 метар генахь долу адам а, экха а диен ницкъ болуш яра сан топ. Сан лаппагIин  корера  дIа оцу майдане кхаччалц чакхармел жима сов йолуш юкъ яра. Геналла гойтуш бу сан тоьпан тIера хьажоран гIирс. Мох балахь, цуьнан чехкалла а, дIаьндарган йозалла а тидаме оьцуш юххехьа гIоьртина, басахь баган дитташна кIелахь меттиг кечйина ас. Охьа а вижна, паргIат хьажош, гIовгIа лагIйийриг а ца оьшуш, кхузара дIа  цхьанне тоьпан тата дIахезар а дац, топ кхосса аьтто болуш яра и меттиг. Амма сан Iалашо гучу ца йолура. Гуьйре а йоьллера, дика ду сан баганаш тIера охьадожа гIаш доцуш. Шийла ю-кх. ДогIанаш а оьхуш. Со къар ца луш, хIора дийнахь бохург санна кIелоне воьду. Некъан лар ца йита, цига боьду некъ а хуьйцуш. Эрна ду.
Сан сатийсам кхачочу хенахь, цIаьххьана Iуьйранна гобаьккхина гIаролхой а болуш, схьакхечира.  Со сайн кертахь ву. Сан топ, ас кIело йинчу меттехь ю. Иза хIоразза дIасатекхо йиш ма  яц сан. Цхьанна хаалахь дерриг а эрна хуьлу. Тебаш сайн метте воьду со, тогIи чу бIаьрг а бетташ. Ваша Гехон кIентан кIант куьйгаш а лестош, омра деш ву.Со сайн метте дIакхачале и дIавахара.
ШолгIачу дийнахь оцу исбаьхьачу майданахь, дукха адам арадаьлла белхаш дIаболийра. Суна цара цхьа йоккха гIишло хIоттор ю моьттура. Цара цхьа хаза рагIу а дира, цу кIелахь оьшна  а хIоттийра, гIанташ а хIиттийра, чIашлиг ятта пеш а хIоттийра, кхин а садаIа оьшург дира. Ткъа коьрта гIишло четаран кепехь йинера. Иза йоккха а яра. Цу майдане схьаэха буьйлабелира. Цигахь буьйсанаш а йохура. Къаьркъа муьйлуш, гIовгIа еш, эшарш лоькхуш. ЧIерий лоьцуш, чIашлиг йоттуш, наггахь жерой а хуьлура.
ХIинца суна буьйсанна хIума гойтуш болу гIирс оьшура. ТIаккха 300 бIе метар герга хила дийзира сан. Буса кIелоян иштта меттиг а кечйира ас. И ша мосуьйттуза веара цига. Цхьа беза хьеший балош схьавогIий, юха уьш хIун деш бу хьажа вогIий, сихха дIавоьдура.
Со кIелонехь дукха Iийна  шел а велла, йовхарш кхетта вара. Сан иккхина чож а дара сагатдеш, катетер а бехъеллера, цуьнан хьожа чIогIа хаалора суна. Москва вахана юха радиаци а йойтуш, катетер цIанъян езашшехь, малоеш Iара со. ЙоIа хIора дийнахь зIеетта, дIагIо бохуш дехар до. Со баккъал а цомгуш хилла меттахь ву. Арахь хьийзош дарц ду. Сайн Iалашо а йицъелла суна, суо дийна висахьара. Екха ма екхнехь, Москва гIур ву аьлла сацамбина ас. IаьнтIехь кхузахь висахь дIадаьлла сайниг. Ламчохь хуьлуш ма хиллара  декхна, шийла денош даьхкира. Бай хьоькхуш мох а бу. Тийна ду. Сурт исбаьхьа ду. ТогIи чохь гуш ши-кхо адам ду. Уьш цIуьхIарш бу. УьстагI а бийна, цхьа юург кечъеш бохку. Цхьаъ схьаваре хьоьжуш бу. И хIинца цигахь гучуволу-кх аьлла хьоьху сан даго. Сан дегI дегийра. Со цхьана геналле кхойкхуш, иркарахIоттош. Со баганан дитташна кIела муха кхечира а ца хаьа суна. Милла вала воллуш волу со, сайн хенаца а, могашаллица а лай тIехь Iилла де долуш бIаьхо а вац. Сан къамкъарг тIунъелла, катетер а оцу тIуналлех юьзна, садеIа хала ду. Хьалха айса гIовгIа ярна кхоьруш хиллехь, хIинца са ца даIало соьга, жимма а гIоьртича чож лазадолу. Суна чIогIа вон ду. Адам дуьйчохь вац со, са дукъаделла леш воллу. Сихха чу а вахана сайгахь болчу гIирсаца катетер жимма цIанъян хьажа виеза со.
Сайн болх Деле а белла, топ цигахь а юьтуш, басах хьалаволавелира со. Хала садоьIуш волу со, галваьлла басех чухецало. Со хьийзош, дIасаветташ, коьртах а, дегIах а хIума етташ санна хилар а дагадогIу. Юха со кхиетамчуьра велира. Суо мел Iиллина а ца хаьа. Делахь а суна хIетталц цкъа гIенах гина воцу сайн жимах волу кIант дуьхьалтесира. Къона а, цIена а, юьхь тIе чо баланза ву и. Соьга  цхьанхьа дIакхойкху цуо. Метта а веъна Iачохь чIожехула йоккха гIовгIа яхьаш схьабогIуш цхьа ницкъ бу. Жимах волчу кIанта сайга бохучух а кхетта, юха сайн кIелоне кхача хьалатасало со. Сайн каде хиларх цецвуьйлура со тIаьхьо. И цхьа онда лаам бара. Аьтто а бара. Цуьнан бахьана кхин хила а тарло. Оцу басах чухецавелча дIасаветтачу хенахь сан катетер чуьра и боьха тIуналла ерриг а аракхоьссинчух тера дара, электроника шен меттахь а юьсуш. СадеIар меттахIоьттича со а денвелира. Сихха сайн метте хьалакхечира. Шело а, хьалхалера иэгор а дIадаьллера. Мелхо а хьацар тоьхнера. Куьйгаш боьха дара. Ткъа иччархочунна цIена а, кIеда а куьйгаш а, пIелгаш а оьшу. Важадерг хьажоран гIирсо, эскарехь зеделлачо кхочушдеш ду.
Эскарехь хьехна ма-хиллара, ши куьг пхьаьрсаш кIел дохуьйту ас. Со хьожуш ву. Некъо гола тухучохь гучуйолу «джип». Машен цхьаъ бен яц, чехка йогIуш а ю. Сакъера кечйинчу тогIи чохь сецира и.
Ирс яI! Ша ву-кх машен лелош. Турмал ца хьаьжча а вевзи суна. Ваша Гехон кIентан кIант сихха сехьа агIор а волий, машенан неI схьайоьллу. О! Цхьа къона зуда ю. Цунна тIехь еза кетар ю, лекха кIажош долу эткаш ю. Цхьацца забарш еш буьйлу уьш, резахилла. И дерриг а суна сайн тоьпан тIерачу хьажоран гIирсаца гуш ду. ХIинца хIара ялсаманех тера тогIе  цунна жоьжагIати тарлур ю-кх, бохуш, ойлайо ас, воьдуш лаьтташехь цу жоьжагIати чуваха цунна гIодийр ду ас. Айса и вийначул тIаьхьа, Дела воцчух, сайн кхера меттиг боцу дела, тоьпан тIера гIовгIалагIйийриг схьахьовзайо ас. Нисса цуьнан мажъяьлла муцIар схьалоцу сан тоьпан Iалашоно. Хьажон пIелг сан ирс хилийта кийча бу. Со ийзалуш ву. Оцу зудчунна тIегIерта иза, лерехь цхьа шабаршдеш, барт ала гIерташ, цуьнан корта цхьана меттехь соцуш бац. Сан дIаьндарг оцу зудчух кхиета тарло. О! Аьтто бу! Киснара телефон гучу а яьккхина къамел дан юьстах вели иза. Соьгахьа  агIо берзийна ву, лерехь телефон а ю. Дика кIант ву, къамел а деш иштта латталахь.
Мох а ца хаало, геналла тоьуш ю. Топ а карайирзина ю. Цуьнан  лергъюххе хьажийна ас. Са лоцуш меттиг ю иза. ХIинца доккха са а даьккхина, дIатийна, лаг озо диеза. Соьга  ца озало. Сан пIелго аьлларг ца до. Тхьузбоьлла, я гIорийна. Со цуьнан ойлаеш вац. Сан кхиетамехь цхьа хIума хилла. Сайн меца бералла а, Казахстанера берийн цIа а, сайн хьоме хилла долу сибат – гIеххьа мажъяьлла волчу ваша Гехон юьхь а дагаеара суна. Со шен кара а эцна, нохчийн маттахь цо хьаьстина де, сан керлачу дахаран, деза де санна дара. ХIинца суна гушдерг ваша Гехон юьхь-сибат дара. Иштта вара суна дуьххьара гина ваша Гехо. Ткъа ас цунна тIе топ хьажийна. Оцу цIаьххьана тIехьаьлхинчу дагалецамаша бIаьргех хи даьккхинера сан. Топ охьа а яхийтина бIаьрхи дIа а даьккхина дIахьаьжча, хьалха санна телефон чухула къамел деш лаьтта и. И боьха хIума. Суна сайн кIентан юьхь дагаеара, иштта сайн йоьIан сибат а.
- У-у, - оьгIазе узар а дина, юха а тIехьажийра ас топ. Юха ваша Гехо, сан дика, хьоме ваша Гехо ву-кх лаьтташ. Топ охьайохуьйту ас.  ТIаккха сайн кIентан сибат дуьхьал хIутту. Юха а дIахьаьжча - ваша Гехон сибат. Ма чIогIа виезара суна и, хIинца а виеза. Цунна топ ца туохало соьга. Ца туохало. Суна чIогIа  хала ду. Юха а бIаьргаш хих дуьзна. Суна, цул кIезиг а ца виезаш, сайн кIант а ма виеза. Дуьнене ца хьиежало со. Я оцу тоьпан турмал чу а ца хьиежало. ШолгIа ваьлла шен деда ву-кх. Муха тухур ю цунна топ? ЧIогIа вон хилира суна. ХIун дан диеза ца хаьара. ХIара боьха дуьне а ган ца лаьа. Лаьмнаш а бехдина цара. Вала а велла, тIома ваьлла цIеначу стиглахула дIаваха лаьара суна. Хьала хьаьжира со. Коьрта тIехула кхозу баганан га аьрру куьйгаца дIататта гIоьртича сан топ елира. Ларамаза ас лаг озийна хиллера. Кхиетам чу веъча санна, юха топ тIехьажийра ас. И «турпалхо» пхьагал санна чехка машенна тIехьаьдира. Шеца еъна хазаниг а йицйина дIавоьду цхьана маьIаргона. Охьа а етталуш тIаьхьахьаьдда, шена сацийна машен чу хиира иза. Машен дIаиккхира. Цунна тIаьхьа топ кхийссар эрна дара. Суо гучувоккхур вара. ЧIогIа оьгIазвахнера со. Дагахьбаллам а биснера. Цуьнан цIуьхIарш гондахьа дIасахьуьйсуш бара. Дукха ца хьелуш, уьш а дIабахара.
Декабрехь денош доца хуьлу. Дикка Iаржъеллачул тIаьхьа аравелира со сайн хьуламера. Сайн лаппагIа йолчу хьалаволавелча машенан гIовгIа хезира. Лакхахь сан лаппагIа йоцург кхин машен ян меттиг яц. Боккха гуо а баьккхина юха веъна сайн топ къайлаяьккхира ас. Юха кхин цхьа го а тесна сайн керта кхечира. Цигахь со схьаваре хьоьжуш Iаш меттигера милцо ву.
- Сиха кечло. Хьайн паспорт а ма дицделахь. Москва а, хьайна луъучу гIой хьайна дарбалеладайта.
Соьга хIуммаъ ца алало. Аьлча а эрна ду. Суна и со шайн отделе дIавига веъна моьттура. КIоштан юккъехула чекх а иккхина Соьлжа-ГIала буьйсана охьакхаьчча боху:
-  ДIогахь таксиш ю хьуна. Кхечу гIала а гIой, кеманца Москва дIагIо. ЙоIа бохург а деш, хьайна дарба дайта. Цуьнан дуьхьа мукъане а ваха хьажа. Со кхин вац хьуна. Сан доьзал а, бераш кхаба диеза…

26 апрель, буьйса
Ца хаьа суна. Аса селхана яздина хиларна делахь а, гIенах ваша Гехо гира суна. ЧIогIа гIайгIане вара и. Наб яйра сан. Аравелира со. Буьйса тийна  яра, шийла яра. Юккъе бахна бутт кхозура стиглахь, хIаваъ цIена а, сирла а дара. Башломан баххьаш лиепара эзар шарахь санна, адамийн сингаттамех ца дешаш. Уьш даима санна лаьттар ду, ткъа декъаза адамаш дIадевр ду кху лаьттан букъ тIера. Кестта сан рагI тIекхочур ю. Сингаттам. Цхьалла. Цхьа кхиераме цхьалла. Цхьаллел кхиераме мацаллий, хIуо цатоаррий бен хуьлийла дац. Уьш дегIан иэшамаш а, хьашташ а ду. ДегIан чарх дукха кхабарх а, тIаьххьара дIайолуш ю талха а телхий. Ткъа са? Сан цхьа седа болчу хьала гIуриг хир ду-кх. Ма дукха ду уьш. Стиглахь генахь а, гергахь а, даккхий а, кегий а, къеггина а, гIийла лиепаш, сиегаш. Иштта массо а агIора доккха ду хIара дуьне а, Iалам а. Кхузахь  цхьа чаккхе йолуш дика а ду. Сайна цхьалла дукхайиеза моьттуш вара со, иштта яз а дора ас. И бакъ дац. Бакъ хуьлийла а дац. Цхьалла – иза доккха зиер а, таIзар а ду.
Сан декъаза кхоллам хилла-кх иштта, буобер хиларе терра, берахь дуьйна евзина суна цхьалла. Ваша Гехос цунна кIелхьара ваьккхира со. Делахь а, юха а цхьаллехь висна со. И кхиерам байбан гIерташ долийна хир ду ас хIара йозанаш.
Сайна тIаьххьара а ваша Гехо гур вуйла хаьа суна, гIенах а ца гуш, цхьа кхечу кепара. Ас цуьнга яздийр ду. ТIаккха вист ца хилалуш хир ву-тиехьа со? Суна кхин цкъа а сайн аз хезар дац-тиехьа? Аз дан а дац сан!
Кху заманан гIиллакхашца дуьстича вистхила бакъо а яц сан. Харжам а бац. Долуш дерг тIеэца а диеза, ма-дарра. Ткъа со кхел ян, таIзар дан а, биекхам бан араваьлла. ХIунда? Делан карахь ю-кх массарна йогIу кхел. Иштта ойланаш кхоллаелча, хIетахь айса цунна и топ ца туохарна чIогIа воккхаве со. Тоьхнехь ваша Гехон бIаьргаш чу муха хьожур вара со? Айса топ хьежийначу сибате муха хьожур вара? Цхьаммо,  аьлча а Дала, сан куьг юха а даьккхина адам диерах ларвира со. Цунах со чIогIа воккхаве. Наггахь. И наггахь бен ца хуьлу.
Дукха хьолахь сайн хьоме кIант дагаоьху суна. ТIаккха суьдхо а, чалтач а, таIзар дийриг а, хила лаьа суна. КIентан чIир йиекха йиезаш ву со, кхин цкъа аьтто хиларе сатуьйсу ас. ТIаккха сан куьг дегор дац. Ваша Гехол дукхазза го суна сайн жимах волу кIант гIенах. Цуо дан диезарг дийр дарий а хаьа суна. Шен кIант хестош товш дацахь а. И мел майра а, челакха а, догцIена а адам дара бохуш дуьйцу и вевзинчара. Дийна виснехьара гIолехь дара.
Амма цу хенахь…
I999 шо, вайн къомана луьра шо чекхдолуш Нохчичу вахара со. Нохчичоь – Даймохк! Казахстанера цIадогIуш дуьххьара Кавказе догIуш хеттарг а диц ца ло. Цул тIаьхьа а мосузза юхавоьрзура кху махке! Даима цхьана дикане, хазахиетаре, хьоме, гергарниг, сайниг гаре сатуьйсура. Цкъа а кхуза вар сайна къахьлур ду а ца моьттура. Нохчичоьнах кхоьруш, къехкаш, цабиезам болуш суо хир ву а ца моьттура. Кхузахь суна дукха иэшамаш хилла. Амма со юха кхуза вогIу  кароре сатуьйсуш. Сайн кIант каро лаьа суна и каро а виеза, кху къемате чуьра араваккха а виеза. Ткъа кхузахь боккъалла а къемат а, къизалла а, Iожалла а ю. ШолгIа тIом массо а хIума а, адам а хIаллакдар ду.
Хьалхара тIом чекхбаьлча Соьлжа-ГIалин ширачу гIишлой цхьа дакъа лаьтташ хиллехь, хIинца бомбанаш йиттина ерриг а гIала дIашарйина ала мегар ду. Яккхийчу тоьпийн а, кеманийн а гIовгIа дIатуьйш яц. Кху тIамехь дакъалоцуш сан кIант а ву. Суна и каро лаьа. Муха? Массанхьа а блокпосташ ю. Веданал тIех ца волуьйту со. Цхьа леррина йолу бакъо ца хилча лаьмнашка цхьа а хьалавогIуьйтуш  ца хиллера, цигахь Iаш и вацахь-м муххале а. Со Соьлжа-ГIалахь язвина ву. Сан цIа дохийна, чохь Iан меттиг а бац аьлла, тхешан юьртахь дIаязвала гIоьртира со. ТIом болу дела паспортисташ болх беш бац. Амма мехкдаьттан бахам денбина, цхьанхьа гIалин йистехь «Грознефтан» контора а ю боху «Роснефтан филиал». Нохчичохь со тIевуьтуш а, со схьаваре хьоьжуш и цхьа меттиг хиллера.
Чохь массо хIума а керла ду. Гендиректор а цхьа жима стаг ву. Нохчичохь Iийна, я бурутохарехь болх бина а вац. Хьалха санна даккха диезаш мехкдаьтта ду. Кхузахь сан корматалла а, зеделларг а оьшуш ду. Суна оьшург ахча ду, декхарийлавахна  Iаш волу дукха хан ю. Ша и болх а дукха биеза суна. Сайн урхаллин куьйгалла дан лаьара суна, цара гендиректоран, мехкадаьтта даккхарехула волу гIоьнча веш дIахIоттийра со. Мехкадаьттанах гIуллакхдан  заводаш йохийна аьтта. Сан бахамехь кхин даладелла  хьал дац. ТIом а бицбина сайн балха чувулу со. Балха тIехь карийра суна чохьIен чоь. Цу чохь садоIу ас, набйо. Машен а елла соьга белхан хьашташна лерина, гIаролхо а велла. Шортта ахчанан совгIат а дира, дика алапа а хир ду боху. Цул сов хIора баттахь, наггахь баттахь шозза-кхузза а Москва ваха диезаш ву. Кест-кеста сайн йоI ган йиш хир ю. КIант ган аьтто бац-кх. Цунах лаьцна хууш, хезна хIума а дац. Сан герз долчу хьуламе и вогIий-тиехьа аьлла хиета суна. Цига хьалавала аьтто бац. Цигахь хIинца тIом сецна бац, кеманаш а хьийза. Бакъо йоцуш хьала а ца вохуьйту. Суна балха тIехь а гIалел къилбехьа, М-29 олучу некъал дехьавалар дихкина ду. Иштта бу-кх сан керла болх. Амма оцу балхо суна яккхий гIоленаш а елла. Сайгарчу кехатца массо а блок-постехула чекхвала йиш ю сан. Цхьа аьтто баларе ладоьгIуш вара со. И аьтто нисбелира.
Луларчу юьртахь цхьа воккха стаг молла дIаваьллера. Ишттачу тезета ваха диекхар ду. Массо а кхиетаво ас дечух.
Тхан юьртахь иштта а кIезиг нах бара хьалха а. Ткъа хIинца виснарг цхьа къарцалуш волу воккха стаг ву. И гича, Зеба дагавеара суна. Сибаташ а, куц а цхьатерра дара цу шиннан. Иштта астагIа вара хIара воккха стаг, цуьнан санна сийна бIаьргаш а дара. Амма ша къовламе а, вухавер воцуш а, делахь а сингаттаме вара. Цхьанне луьйш воцуш, леткъамаш ца беш, дуьйцура кху тIамех лаьцна. Ракетех цIе а летта элан ши  хола баьгнера цуьнан.
БIаьсте яллалц шен дохнна хIун дийр ду ца хууш, гIайгIа яра цуьнан. ТIаккха со шимма Зебех тарвала гIоьртира:
- Ас кху деношкахь ши машен йол йоуьйтур ю хьуна.
- Муха дийр ду ахь иза? Массанхьа блок-посташ ма ю.
- Мухха дина а дийр ду, - боху ас, Зебас дечигех бурам а дина тхаьшна солярка дар дага а оьхуш.
Сайн дош кхочушдеш, кхо машен йол а, цхьа тонна комбикорм а хьала кхачийра ас. Зебас динчуьнца нислуш-м дацара ас динарг. Цуо кхиерамечу Обь хи тIехула схьакхачийра тхуна чIогIа оьшуш долу солярка. Оха хIора блок-постехь мах а луш дIакхачийра и йол. Зеба дагавеъна сан дог-ойла чIагIъелира. Магийна а доццушехь и воккха стаг волчохь буьйса яккха сецира со. Мегарг йохлуш йоцчу лаппагIи чохь дика набйира ас.
Сахилале гIаьттина сайн хьуламе вахара, цигахь хIун ду хьажа. Хьеха чуваьлча сайгара фонарик латийра ас. Ерриг а бархI биргIа яра: «Стечкинан» тапча, йиъ автомат, пулемёт, гранатомёт, иччархойн топ. КIант ша вогIучух тера ду, хIокху меттиган къайле ларъеш. ТIаьххье иза кхузахь маца хилла хаа хала ду. Амма, ша дийна велахь, юха кхуза вогIур вуйла хаьа суна. Кху чохь цуьнга яздина цхьа кехат дита дагадеана суна: «Биекхам бохург цхьаъ ду. Иза Делан карахь ду.Мохкларбар кхин ду. Амма автоматца танканий, кеманийн дуьхьала…
Цул а мехала а, сийлахь а хир дара, хьоь цхьанхьа доьшуш велахьара. Iилманца доьзна хир ду вайн доьзалан а, дерриге къоман а хиндерг. Соьга эскарехь баьхна ду – иччархойн топ тIемалочун герз дац. Иза нахбойъучун герз ду. Бакъволу бIаьхо – толамхо 2I-чу бIешарахь автомат а карахь хьуьна юккъехула уьдуш ца лиела. Иза компьютерца болх беш ву.
Дала Iалашвойла хьо!»
Соьлжа-гIалахь со де-буьйса доккхуш балха тIехь ца хилар тидаме эцна цхьа а вацара. Цхьа кIира даьлча юха сайн дайбаьхначу юьрта хьалаваха лиира суна. КIантера хаам буйла хьажа лаарал совнаха, кху тIеман гIовгIа дIатенза йолчу гIалара ара а ваьлла ломара цIенчу хIаваэхь сана лаппагIи чохь кхин цкъа а буьйса йоккхуш жимма садаIа лаьара. Тхо мехкадаьтта доккхуш хьийзар а цхьана къемате гIенах долуш санна хиета наггахь.
Массо а хьерваьлла – тиехьа, дерриг а дуьне иштта ду ткъа? Суна лаьмнашка хьалаваха лаьа, хIара хьакъагIаш а, хIара къемат а, хIора дийнахь хуьлуш йолу Iожалла а ца гуш. ХIуьттаренна санна хьалаваха  бахьана иза долу-кх. Бахьана а доцуш хьала ваха мегар дац. Москва ваха дийзира. Шовда гича, цуо хоьтту:
- Ваша гиний хьуна? ХIумма а хезний? – юха йоьлху иза.
Ас юха Iехайо иза, кIант оцу кIуьра юккъера схьавоккхур ву, мичахь ву а хаьа, Москвара дIавоьддушехь и волчу гIур ву, бохуш. ЦIа ма-кхеччи лома хьалавахара со. Цигахь воккхачу стага цецваьккхира:
- Хьан кIант кхуза веънера. Иза-м хьалха вогIура, делахь а хьоьга ма хаийтахьара олура цуо. ХIинца шена къинтIера валахьара хьо бохуш доьхура. Воккхачу стаге хатта диезаш дукха дара сан. Стенна тIера дIадолийча бакъахь дара-тиехьа аьлла вара со.
- Со дика кхиета хьоьх. ТIамо хьаьшна хьо. Жимах волу тIаьххьара кIант. Автоматца а, пулемётца танкашций, кеманашций тIом бан хала дуйла хаьа. Цхьаберш дIабевдча, вуьйш гуорахIиттича хIун хир ду? Мичахь бу нохчий, тIемалой? Хьайн кIантах дозалла де ахь! Меца а гIелбелла а белахь а, онда синош ду церан кийрахь. Къа а хиета царех. Со а гIур вара цаьрца. Ваха а вахна. Цхьана буса суна а хууш дIабахара уьш.
Шегара Iаса лаьттах тухуш доккха са даьккхира цуо. Лаьмнашка а, соьга а хьаьжна элира:
- Хьох а къахиета… Уьш ас иркархIиттийна лиелаш бу хьуна моттахь, иза а бакъ дац. Ас цаьрга а элира, и иштта дан а ду. Со дуьненчохь волу дукха хан ю. Хийла тIом а гина суна. ТIаьххьара I994-I996 шерашкахь хилларг схьаоьцур вай. Цигахь-м цхьа бух а, цхьа Iалашо а яра. Ткъа хIинца, со радиога ладугIуш а, оьрсийн а, Iаьрбийн, казахийн меттанаш хууш ма ву. Дуьненчохь хуьлушдерг ахчанца, сутараллица доьзна ду. Ткъа къуьйсушдерг миллиардаш хилча, хьан а, сан а, хьан кIентан а кхолламаш цара тидаме а ца оьцу…
- Цундела кхоьллина цара кхерор (терроризм), - кхин дIа дуьйцу воккхачу стага. – Юха дерриг а дуьне оцу кхерорца тIом беш ду. Мичара даьлла и? Ши масал далор ду ас. Дукха хан йоццуш Гуьржеха веънера Американ президент волу Буш – жимахверг. Митингехь цуо къамел дечу хенахь тобина юккъера цхьаммо и волчу агIора цхьа жима тIулг кхоьссина хилла. Спутникаш тIера охьа цуьнан сурт а даьккхина, и тIулг кхоьссинарг схьа а лаьцна, цунна таIзар дина.
ШолгIа масал ду хьуна. И вайн бераш со волчохь севцира. Царах шиъ чевнаш  хилла вара. Цхьаъ дIа а ваьлла кхузахь дIавоьллира.
- Сан кIант муха вара? – иккхира соьгара.
- Хьайниг дийна ву. Массо а санна гIелвеллехь а. Уьш кхузахь мел бу тIехула хьийзаш беркеманаш дара. И тIемалой со волчуьра дIа бахча беркеманаш тIера охьа а биссина, соьга хоьтту цара:
- Террористаш гирий хьуна?
Ас, шуна суначул а дика хаа хир, лакхара чухьоьжуш м аду шу, боху цаьрга. Суна реза боцуш дIабахара уьш. ШолгIачу дийнахь беркема а деъна чу тоьпаш етташ диъ бежана дийра, шинна чевнаш йира. ХIинца шортта жижиг ду сан. Иштта и бераш а хIаллакдийр ду цара, шайн ловзарш чекхдаьлча. Сихха хьайн кIант араваккха оцу юккъера.
- Муха воккхур ву ас и? – боху ас. – Мичахь карор ву и?
- Вайшинна карор вац. Кху даккъашкахула лечкъаш лелаш бу уьш. Хьо гарна кхоьруш ву ша, бохура хьан кIанта. Да хиларе терра ахь аьлларг дан а диеза. Юха а ваьлла накъостех къаста а йиш яц. Ирча а, маьIна доцуш тIом бу-кх.
Декъаза сан кIант!
Сайн дайбаьхначу юьртахь, лаьмнашкахь велахь а, цу буса наб ца кхиеташ бала хьийгира ас. Сахилале вахана сайн хьуламехь хIун ду хьаьжира. КIант хиллера кхузахь. Шадолу герз дIадаьхьнера, иччархойн топ йоцург. И шен меттахь Iуьллуш яра. Цхьа а кехат ца яздинера. Кхин и кху чу вогIур воцийла а, мухха елахь а хIара зIе тхойшинна юккъера хаьддийла а хиира суна.  Кхин цхьа доьзалхо сайн вовш вуйла а гуш дара. Цхьа биеза Iаткъам тIетаьIира сан сина. Цхьалла. Сац а даIало, къамкъарг Iевдича санна, багахь цхьа къаьхьалла ю, тоха са доцуш, сайн хьулам дIакъовла а де доцуш, хьалатекхира со тхешан шовда долчу. ЦIенчу, шийла шовдано цIанйира сан къамкъарг. СадеIар а, синкхиетам  метта беара.
Цул тIаьхьа юха а вахана, леррина дIахьулйира ас хьеха чуволу меттиг. Кхи со цига кхочур ву бохург дагахь а дацара. ГIала аьлча а, и хьакълагIаш йолчу охьавеара со. Кхузахь хаддаза кхуьссу тоьпаш а, лелхарш а ду. Сайн кIант велла аьлла ирча хаам сан лере кхачале суо валаре сатуьйсуш а вара со. Кхин хаам хир бу, аьлла  хиеташ вацара.

30 апрель, Iуьйре
Мухха делахь а, ламчуьра дахар хала а, чолхе а ду. Дахар санна буьрса а, хийцалуш а бу кхузара хенан хIоттам а. Сийсара тийна а, мела а яра, делахь а сан хоттарш Iийжаш сагатдан йоьлча, садеIар а хала хилча, сан катетер а ма ю йочана тIегIоьртича хаам беш… Буса мох бели, шок а етташ. Ток дIа а яьлла бода хIоьтти. Чехка догIа туьйхи, вота етташ санна тхов бегош къора туьйхи. Оцу къора сан тхевнах цаца бо моьттуш, корта къайла а боккхуш юргIанна кIелвуьйли со. Цу ондачу мохо и тхов дIахьур  бу моьттуш а вара со. Оцу угIучу йочанехь наб кхетта хиллера суна. Iуьйранна араваьлча, тийналла ю. Мох а, догIа а дац. ТIуналла чIогIа йолуш дахкарлахь ду шадерриг а. Гуш хIума дац. Сан дельтаплан а мохо дIаяьхьначух тер аду.
Сийсара барт бина ма-хиллара, даима а зIе хуьлчу тIе хьала  ваьлча, Австрера схьа зIе етташ Маккхал вара. Кхуьуш волчу сан йоьIан кIентан гIам-гIим суна  хозуьйтуш ву иза. Хаза кхаъ бу. ТIаьххьара а боху, ас и дельтаплан ловзайо бохуш, Шовда сагатдеш ю. ХIун дан воллу хьо цу дельтапланах, бохуш хоьтту.
Цул тIаьхьа Шовдас ша а зIеетта. Сл дуьхьала вист хилалуш вац. ГIам-гIим до ас, кIант хIун де шву дийца бохуш. Цуо ша ца кхиеташ санна сан могашалла хоьтту, шаьш долчу схьавола а боху, дельтаплан дIакхосса а боху…
ХIинца и ша дIаяха-кх. Со а воцуш. Суна а ма-лаьара тIома вала, хIаваэхь нека дан. Сан доттагI Максим санна. Ас яздинера, тIом баьллачу Нохчичохь ша хиллачул тIаьхьа, Максим кхин тIома ца ваьллера оцу дельтапланаца. Ткъа со кхузара тIемаш дIабевллачул тIаьхьа тIома вала сатуьйсуш ву. ХIинца и бу сан сатийсам! Сатийсам а боцуш хиндерг дац. Хиндерг – дахаран маьIна ду.
ХIун ду сан дахаран маьIна? Дуй-тиехьа сан хиндерг? Нохчийн Iадаташца дуьстича-м дац. Сан кIант а вац. ТIаьхьие хир яц. Амма сан Шовда ю. Цуьнан кIант а ву. И ду-кх сан хилларг а, долуш дерг а, хиндерг а. Оцу кхиетамца веха шву со. Иза а бух болуш дац, хIунда аьлча, сан кхиетамехь а, дахарехь а вехаш сан жимах волу кIант ву. Иза а, цуьнан кхоллам а сан даима соьца хилла, болуш а, хир болуш бу. Суна иза вицлур вац, вицван гIиртича а, кхечара виц ца волуьйту.
ДагадогIу, I990 шо чекхдолуш ламчуьра Соьлжа-ГIала со схьавогIуш сайна хеттарг. Сан жимах волчо ша хаьржина и некъ, хийца йиш яц, цундела и хилла даьлларг тIелаьцна, къобал а дина, ваха, болх бан а диеза-кх сайн хан кхаччалц. Сан йоI а ю Москвахь доьшуш, гIо а деш, кхио езаш.
Со рогIерчу блок-постехь машен чуьра охьавоссийра. Церан дIаязвина сан кIант хилла. Со а, сан фамили а шеконехь ю. Куьйгех буржул а тесна чувигира со. Цул тIаьхьа чIогIа барт хаьттира. Ши бахьана ца хиллехь соьгара хьал ледара хирдара. Цкъа делахь, сан киснахь со лаккхарчу даржехь болх беш ву аьлла долу тиешалла  дара. ШолгIа делахь, Зеба дагавеъна, шеквоцуш Iаш а вара со. Кхин цхьа бахьана а хиллера – со дIавига веъна хиллера тхан гендиректор. Тхойшиъ гIали чу вулуш хаьттира ас:
- Со балхара дIаваьллехь хIун дара тиехьа?
- Болх хьан бийр бу? Говзанчаш бац. Хьан меттана кхуза цхьа а вогIур вац. Болх дукха бу.
Болх шортта бара. Йохийнарг меттахIотто езара. Мехкдаьтта даккхаран план а кхочушъян езара. Де-буьйса ца лоруш къахьоьгура ас. Оцу балхо со кхаьбна ца Iаш, сайн сингаттам а ларвора, мелла а дицлора суна хилларг. Цул совнах сан кабинет чохь Москваца къамел дан лерина телефон яра. ХIинца а уггаре хьалха Шовдига зIетуху ас:
- Дада, Дада, хьо мичахь вара? ЗIе ца тухуш ши де ма даьлла. Ас чIогIа сагатди. Ша-дерриг а дика дуй хьан?
- Дика ду. Ламчу вайн юьрта вахнера со. Цигахь дан диезаш цхьацца гIуллакхаш дара. Тезет а даьллера.
- Хьо блок-постехь сацийнера?
- И бохург хIун ду?
- Нахана гинера. Соьга зIетуьйхира.
- Э-э-э, гIалатбевллера уьш.
- И бахьана долуш дарий? – шен вешин цIе йоккху цуо. Тхойшинне къайле ю иза.
- ХIан-хIан,   - сихха жоп ло ас. – ГIалатбевллера. ХIинца со сайн балха тIехь ма ву.
СоцунгIа хуьлу. Юха даима санна доьху:
- Дада, хьо схьа маца вогIу?
- КIира даьлча.
- Ахь иштта боху кхо кIира а даьлла.
- Кхузахь дукха гIуллакхаш ду. Делахь а, со ван хьожур ву. Ахча кхачийний хьан?
- Ахча ду. Ша-дерриг а ду, - елха ийзайо. – Суна а лаьа цIаян. Ненан кошехь Iийр яра, баца тIе куьг а хьоькхуш.
- Кхуза ян мегар дац. Кхиераме ду, лаьмнашкахь муххале а.
- Хьуо ма лела хьо… Дитахь шадерг а. Схьаволахь кхуза. Со кхоьру хьуна цхьаъ хиларна. Со кхин чIогIа байлахь йита лууш-м вац хьо?
- Ма елха, Шовда. Шадерг а дика ду.
- «Дика ду» бохург хIун ду? Нана а, вежарий а боцуш, хьо цигахь а волуш, со суо цхьа хилча, дика муха хуьлу?
Шовда карзахъяьлла юха а. Йоьлху. Цуьнан сатедан гIерташ ас цхьаъ дуьйцу. Иза кхин а карзахйолу, телефон охьаюьллу. Юх-юха а ас зIееттарх, схьа ца оьцу. ТIаьхьуо ша схьатуху соьга.
- Дада, бехк ма-биллалахь, доьху хьоьга, суна чIогIа хала ду. Цхьа ю кхузахь.
Цуьнан сатедан аьтто беш, цхьа хIума до ас. Ас музыкех лаьцна къамел доладо. Амма тахана цуо и хадош хоьтту соьга:
- Лам чу вахча и гирий хьуна?
- Ца гира.
- ХIун дуьйцу наха?
- Ца хезна.
- Дийна вуй иза?
- Ву.
- КIелхьараваккхахь и, цу юккъера ара а ваккхий.
- Шовда! – къовламе олу ас.
- Кхиета со, кхиета. Телевизоре хьаьжча кхоьру.
- Хьан кхиамаш? Музыка? – юха а къамел кхечу хорша дерзо гIерта со.
ХIинца аьтто хуьлу. Юьхьанца дог ца догIуш шен кхиамаш бийца йолало, юха цуьнан озехь хьасар хаало. Суна сайн болх санна, шен музыка цунна ма ю гIоли еш, сатедеш, дог Iехош. Цундела олу цуо:
- Бакъдерг аьлча, музыка хьехочохь дац. Музыка елахь а, цхьа гIийла мукъамаш бу-кх.
Соьгахь а ду изза хьал, йоьIан дог-ойла гIатто со гIертахь а. Эццахь неI а ца тухуш сан кабинет чувогIу ши стаг – нохчо а, оьрсий а. Охьа хии и шиъ. Тхан контора чIогIа ларъеш ю. Мил-мила чу а воуьйтур вац. Цара кхин къамел дах а ца деш хоьтту:
- Хьан кIант мичахь ву?
И хаттар сайга дийр дуйла хууш вара со. ХIетахь блок-постехь хаьттича, вуоха а воьхна висира со. ХIинца со сайн кабинетан да вара. ХIорш гIиллакх доцуш а бара. Суна юха Зеба дагавеара, даима а кхаьрца гIуллакх хилла волу. Кхарел а къиза ма хиллера хIетахьлера большевикаш. Башха хийцабелла хIорш а бац.
- Муьлха кIант вуьйцу аш? Цхьаъ шен ненаца бомба тоьхна хIаллакхилла.
- Важа?
- Важа оцу бомбанан эккхаран тулгIено дIаваьхьна, суна а карош вац.
- Дустар-м чIогIа ду, - Iутту цхьаммо.
- И каро лууш-м ву хьо? – хоьтту вукхо.
- Лаьа. Шуна чул чIогIа, хьалха а лаьа суна и ган.
- И дийна вуйла мичара хиъна хьуна?
- Дерриг а хеза-кх шуна?
- Тхан болх буи за. Хаттарна жоп ца дели ахь.
- ХIун хаттар?
- Хьайн кIант дийна ву, я велла мичара хиъна хьуна?
Оцу дашо а вон хилийтира суна. Селхана ламчохь санна, легашка шад а хIоьттина, багахь цхьа къаьхьалла хаалора, садукъдеш санна. Чехка хи мелира ас. Хие жимма гIоли йира.
- И дийна вацахьара, шун дIаязвина хир вацара, блок-постехь со сецор а вацара, - юха Зеба дагавогIий, дог-ойла чIагIло сан. – Я шу кху чу догIур а дацара. Цундела и дийна хиларе сатуьйсу ас.
- Сатийса ахь. Цкъачунна сатийса.
- «Цкъачунна» бохург хIун ду? – оьгIазвахна буйнаш къевлира ас.
- Изза ду-кх, - шийла жоп ло. -  Я дерриг таIзар доцуш, чекхдер ду моьтту хьуна?
- «ТаIзар доцуш» бохург хIун ду? – стоьлан тIе буй тухуш хьалаиккхира со. – Цуьнан нана а, ваша а вийна, и хьуьн чу хьалахьажийна долчу шуна догIу и таIзар.
Уьш а хьалагIевттира. Со цомгуш а, корта лазийна а ву. Кху балха тIехь хIунда вуьту а ца хаьа. КIантана тIаьххье со а ваха тарло, бохуш кхиерам а тесира шаьшшиъ араволуш.
- ХIан, шуна! – тамехь йоцу кеп хIоттийра ас куьйга эшарехь. Юха оьрсийн маттахь хьажо хьакъболчу дIа а хьажийра. Ший а неIарехь сецира. Оьрсий юха а вирзина, цхьа шабарш а дина аравелира. Нохчо суна тIевеара. Цуьнан багара къаьркъанан хьожа схьаетталора.
- Суо нохчо волу дела, ахьа аьлларг чIогIа лан хала ду. Аьллачух жоп дала диезар ду.
Со цхьа гIулч юха велира, цунах схьайогIу хьожа ца товш. Юха Зеба дагавеара.
- Нохчо ву бохуш, къамелаш дан ца оьшу. Хьо нохчо велахьара, сан йийна зуда а, кIант а хьахийча, «Дала гечдойла царна» олу вара хьо. Ахь и гIиллакх ца гайтира хьайгахь. Жоп дала диезар ду бахахь. Хьуна хьалхахь лаьтташ ву-кх со. Хьо нохчо велахь, тIаьхьа ма титта. Я хьуна тIаьхьашха, я блок-постехула, цулла а бомба тоьхна, доккхуш атта хиета?
Боьха дешнаш а аьлла, юха а ваьлла шена тIерачу куртки кIел куьг дахийтира цуо. Балха тIехь схьаелла тапча соьгахь а яра. Стоьлан гIутакх чуьра сиха схьаийцира ас и. Юха элира цуьнга:
- Кху чохь массанхьа камераш ю. Шуьшиъ сахиллалц цхьанхьа къаьркъа а мийлина болх бан араваьлла? Ас чоьхьарчу  кхиерамазалле зIе а тоьхна, шуьшинна акт а хIоттийна дIалур ву шун конторе.
Юха  а  оьрсийн  маттахь  боьха  дешнаш а аьлла, неIаре а вахна, юха а вирзина боху:
- ХIинца гуш ду-кх кIант хьанах тера ву.
- Ас сайн кIантах дозалла до, - тIаьхьа мохь туху ас. -  Хьайниг Москвахь, я дозанал арахб Iаш хи рву.
Юьхьанца айса динчух воккхавер со, тIаьхьуо кхийтира, уггаре а къинхиетамениг а – со балхар дIаваккхар хир ду. Цхьа бакъо а йоцуш, Iедало лоьхуш кIант ву аьлла, болх бан меттиг ца хиларал сов, ваха меттиг а воцуш виса там бу. Со а, кIан а воцуш йисахь, Шовдас хIун лелор ду?
Соьга чукхойкхуш зIеетташ ву гендиректор.
- Цаьрца къамелаш дан мегар ма дац, - оеза вац иза. Юха вела а къежна, боху:
- Дика элира ахь цаьрга, къаьсттина маларх лаьцна.
- Шу а ладоьгIуш ду? – жима стаг шек а вац.
- Ду дера. Суна дагадеъна и дан. Болх бу-кх иштта. Мехкдаьтта, ахча, Iедал – тергонехь хила а диеза, муьтIахь хила а диеза.
- Балхара дIавалий со? – юха а хоьтту ас.
- ХIан? Болх хьан бийр бу? Иштта а план «йогуш» ю вайн. Говзанчаш а бац. Шайн мел дукха ахча даларх, уьш кхуза богIур бац.
Цу тIехь бакълуьйш ву и. Юха шолгIа а бакълоь:
- Царна юккъехь а, кхарна юккъехь а цхьа гергара стаг воцуш нах кIезиг хир бу вайна юккъахь. Воккха хилла ваьллачу кIантах  жоп муха лур ду ахь? – Хьала а гIаьттина, корах ара а хьаьжна боху цуо, - КIантах къахиета. Цхьаъ хилале цу юкъара схьаваккха виезара иза.
Къамел хадийра цуо. Цуо бохучух кхиеташ, охьа а хиъна элира ас:
- Цкъа гина велира. Айса еттар яра ас цунна.
- ХIаъ-м, - элира гендиректора, - тIом бу-кх. Ткъа вай болх бан диезаш ду.
Балхо сайна гIоли яхь а, цхьаъ хир дуйла хаьара суна. И хила а хилира. Гендиректор командировке а вахана, цуьнан метта виснера со. Гуьмсе кхиеташоне кхойкху боху. Цигахь, республикехь наггахь бен хуьлуш а воцу, ханна кхоьллинчу тIеман куьйгаллин хьаькам ву. Тхан  цхьаьнакхиетараллин балхан реза воцуш, чехош ву иза. План кхочуш ца йина а, биргIанех Iуьргаш а дохуш мехкдаьтта лечкъош ду, даккхий зенаш деш. Иштта дан а ду. Амма биргIанаш ларъеш эскархой бу. Цара лечкъадойтуш ду мехкадаьтта. Царна а хууш кхехкош, Iалам талхош  а ду. Эскархошна а хууш биргIанаш чуьра мехкадаьттанан кхоалгIа дакъа лачкъош ду аьлла дIахьедира ас.
Чохь тийналла хIоьттира. Хьаькаман юьхьтIехь я цакхиетар ду, я цецвалар ду. Омра ди цуо:
- ДIаяйал и шайн камераш! – резавоцуш а, буьрса а соьга хьаьжна, хоьтту: - Хьо мила ву? – ас жоп делча. – Тоьшаллаш ду хьан?
- Массарна хууш ду.
- Массарна хууш ду? – сан къамел хадош. – И зударийн эладитанаш ду. Массарна а хууш ду хьуна, кхузахь шайн бIаьхаллин декхар кхочушдеш оцу талорхойх, террористех, тIемалойх шу лардеш и эскархой леш хилар. КIира даьлча, юха а кхиеташо хир ю. Цигахь шаьш план кхочушъярх, хьайн аьшпийн тоьшалла а хуьлуьйтур ду ахь. Массо а кхийтирий?
Со кхеттера. Цо ма аллара жоп дала гIоьртира со. Амма, селхана ломахь санна, цIаьххьана къамкъарг хаба хебба, багахь цхьа къаьхьалла а яьржина, вистхила хьовх, са а ца даккхалуш висира со. Цхьанне соьга хи кховдо дагадеана хиллера. Хи мелча гIоли хилира. ТIаккха ас башха тидаме ца ийцира сайн легашкахь  хилларг. Амма,  хIетахь оцу    со вехачу    ирчачу    хьелашкахь   долалуш хиллера сан лазар – баланех, сингаттамех, цхьаллех схьадолуш долу – онкологин лазар.
Мел хада делахь а, балхо байбора соьгара сингаттам. Оцу балхах вола герга вара со. Москвахь тхан гендиректоре аьлла хиллера, хьайн метта Соьлжа-гIалахь мила витна ахь? Белхахой леррина харжа биеза. Со дика говзанча ву аьлла цуо тоьшалла дича, хийца мегар воцург вац, - кхоьссинера цхьаммо. Иза нийса хила мегара, Соьлжа-ГIала йоцуш, кхечанхьа. Говзанчаш кхузахь бац, я хила а ца тарло. Тхан гендиректор а вац говзанча, дика куьйгалхо велахь а. Цундела массо хьаькмаш а, тхайниг а даима Москвахь хила лууш бу.
ЦIа ма кхеччи, соьга боху:
- Совнахдерг хIунда дуьйцу ахь?
- Ас бакъдерг элира.
- Хьанна оьшу хьан бакъдерг!? Кхузахь хуьлуш дерг массарна а хууш ду. Дерриг а эскархойн карахь ду. Хьо бакъдерг дуьйцуш. Мичахь ду иза? ТIом болчохь, нах бойъучохь бакъдерг а, нийсо а хила йиш яц. Иштта дац и? Я хьо хIинца а ца кхетта?
- Кхетта, - гIалатваьлла дешархо санна ву со, - балха дIавала со?
- Юха а «дIавала со»! Болх хьан бийр бу? – жимма Iийна, - бакъдерг а, нийсо а  хьахийначара… Уьш хIинца цхьанхьа ю моьттуш вац со. Хьоьга ала диезаш цхьа хIума ду сан. Сарахь дуьйцур ду вайша.
Сарахь цуо со юьстах ваькхча хиира суна, къамел леррина дуйла.
- Суна кхин цхьа гIуда а тоьхна, - шабарш дира цуо.
- Хьан?
- ХIинца гучуваьлларг хьан гергара стаг ву-кх.
- Мила?
- Ваша Гехон кIентан кIантан цIе яьккхира цуо.
- Бакъ хир дац! – цецвуьйлу со.
- Хьажал, - шен хьалхарчу киснара сурт гучудоккху, - хIара вуй и?
- Ву, - инзарваьлла со, - хIун оьшу цунна?
- Шортта ахча оьшу-кх.
- ХIунда? Мича бахьанина?
- ТIемалошна оьшу бохуш, цхьацца хабарщ дуьйцура.
- Леринчу гIуллакхошка а, вайн кхиерамаллийн отделе а дIахаийта диеза.
- ХIун лерина гIуллакххой, хIун кхиерамазалла? – оьгIазъоьху гендиректор. Уггаре ларъеш йолчу «Рублёвка» олучу меттехь ю сан хIусамаш. Уьш шина «джип» тIехь, герз а карахь сан уьйтIа баьхкира. Ас хадечу метте зIе тоьхча, лакхара охьа зIетоьхнера, цул сов цаьргахь лерринчу белхахойн тиешаллаш а ду.
- Хилча хIун ду?
- Уьш со волчохь чай молуш а Iийна, даймехкан хьашташна гIо дан диеза дийхира.
- Ахь?
- Уьш дIалахка дагахь вара. Вала меттиг бац, элира, даймахках уггаре дика кIентий леш бу. Царна гIо дан диеза. Закат дIадала диеза. Сан бераш Москвахь тоьллачу ишколашка деша а оьхуш дика Iаш бу, боху.  Шаьш а Москвахь дика буйла хиира суна таллам бича. «Россия» олучу хьешан цIийнахь езачех петарш схьа а лаьцна Iаш бу.
- И хIун ду? – цуо юьйцург цхьа талорхойх лаьцна кино ю моьттура суна. Цуо кхин дIа а дуьйцу:
- ЦIа ван новкъа ваьлла кеман чохь Iаш, корах арахьаьжча го суна «Мерседес» кеманна юххе а ялийна, цу чуьра охьавоьссина кеман тIеваьлла. Суна юххе охьахии хьан гергара стаг.
- Сихлолахь, - боху. – Цхьа кIира хан ю хьуна. Вайн тIемалой герз доцуш а, мацбелла а бу. Ткъа хьо хьолах вукъвелла йоккха гIала дIа а лаьцна Iаш ву.
- Ахь хIун элира?
- Со-м цуьнца къамеле вала дагахь вара. БIаьргаш а хьаббина, суьлхьанаш а хьийзош, доIанаш деш санна Iийна, набкхийтира цунна. Сахиллалц къаьркъа мийлина хилла мегар. Вуон хьожа йогIура цунах. Кема охьадоьссича бен сама а ца велира. Массарел а хьалха неIаре хьаьдира. Дуьхьала еъна Iаьржа «Волга» яра. Цуьнан хаьнтIехь кхозуш «Стечкинан» тапча а яра, хIоккхул йоккха.
Гендиректора кхиерамца гойту тапчин барам. Цул а чIогIа инзар ваьлла со.
- И сан гергара вуйла муха хиира хьуна? – хоьтту ас.
- Со а ма вацара вижна Iуьллуш. Таллам бира ас.
Со цуьнга сайн кхолламах а, ваша Гехон хьоме а, гергара а стаг сан ца хилийла а, я хирвоцийла а, и веллачул тIаьхьа цуьнан доьзалца йолу юкъаметтигаш галъевлийла, суна ваша Гехон кIента кIант ганза дукха хан юйла а,  и суна вевзий а ца хаа, ала гIерташ вара со. Гендиректоро со кхин а чIогIа цецваьккхира:
- Хьан кIант а оцу хьан гергарчу стеган гIери юккъехь волчух тер аду.
- Цуо элира хьоьга и?
- ХIан-хIа. Таллам беш гучуделира.
- Муха? – ший а чIогIа карзахваьлла.
- Лерринчу гIуллакхашца а, кхечу зIенашкахула а, жимма ахча а делира.
- «Жимма» и мел ду?
- Хьесапе дац.
- Кхуо мел доьху хьоьгара, къайле яцахь? – Ваша Гехон кIента кIентан цIе ца йоккху охашимма.
- Дуккхаъ. Iаламат дукха. Цхьа миллион доллар доьху.
Доьхуш дерг дан а ду дукха ахча. ТIаьхьуо хьесап дича, ваша Гехон кIентан кIанта доьхург такхалур долуш ахча дара. Тхан цхьанакхиетараллехь лечкъош долу мехкдаьтта а, цунах гендиректорна кхочург а тидаме эцча. Со цу тIехь цIена вара. Суна хаа луург кхин дара.
- Сан кIантах кхин хIун ду хьуна хууш?
- Билггал хууш хIуммаъ дац. Цигахула уьдуш лелачул цхьанхьа доьшуш велхьара дика дара. Къона а, Iовдал а хиларе терра шаьш хIаллакбо цара. Уьш йохье баьхна юкъа озийна-кх. Дика кIентий а ма бу цаьрца. Амма и хьан гергара стаг санна боьха ххIуманаш а ю. Бевза-биезарш хьахийначара. Хьуна-м церан, оцу гIеран баьчча а вевза бохуш, хезна суна. Цхьа Руслан ву-кх.
- Ольга Сергеевни кIант? – иккхира соьгара.
- Хила мега. Цуьнан нана оьрси яра боху, кхузахь йийна.
- Нана а, ненан нана а, деваша а.
- Хьалхара тIом болуш шу цхьана подвал чохь Iийначух тер аду.
- «Тера» а доцуш, - дагалецамаша холчу хIоттийра.
- Оцу Руслана шена цхьа бусулбанийн  цIе тиллина. ХIинца оцу тIемалошна юкъахь цIейоккхуш ву и. Цунна юххехь ваша санна лелаш, уггаре а тиешаме накъост – хьан кIант ву. И шиъ вевза дукха хан юй? Ахь вовзийтина и шиъ?
- ХIаъ.
- Хьуна хууш хIума а дац?
- Телевизоре хьожу со. Цхьаццадерг хезнера. Амма сайн кIант а, и Руслан а шолгIа тIом болабеллачул тIаьхьа ца гина суна. Я ган а ца лаьа.
- Вайга далур долуш хIума дац и. Цаьрца ловза а ловзуш ерриге а республика хIаллакъеш бу. Шайна лиъча пхи секунд ялале массо а карор а ву, вуьйр а ву. Вай хьехориг кхин ду. Суна гIо далур дуй хьоьга?
- Стенца?
- Оцу боьхачу   хIуманца а, цуьнан   деца   а къамел    дан диеза ахь. Сан ахча а, гергара    нах а бу. Оха и     санна    долу    талор ловр дац.    Иштта дIаалахь юьхь дуьхьал а хIоттий.  Соьгахь цуьнан ден вешин Гехон кIентан телефон ю. И хьалхара тIом болабелчхьана дуьйна Нальчикехь Iаш ву.
- Цкъа хьалха цуьнан кIанте туохахь. Ахь аьлларг дан мегар цуо.
Гендиректора цуьнан номер юьйцу. Вукхуьнан  «аппарат зонехь яц». ТIаккха ас ваша Гехон кIанте зIетуху, - иза цкъачунна болх беш яц.
- Кху номерца дIатохахь, - гендиректорна суначул а дика хаа ваша Гехон тIаьхьиенех дерг.
- О! – ваша Гехон воккхахволчу кIентан аз хеза суна. – Со хьуна дегабаам бина  ма вара, зIе ца тухуш хьевеллера хьо.
- Ахь номер хийцина, -  боху ас.
- ХIаъ. Хьоьга хаийта вицвеллера. Суна даг тIехь операци ма йина Москвахь. ХIинца Нальчикехь санаторехь ву со. Схьавуола, цхьане садоIур ду вайша.
- Кхана дIавогIу со, - боху ас.
- ХIаъ, хьоьжуш ву. «ДоттагIалла» аьлла санаторий ю. Хьо варе хьоьжу со.
Шен машен а, гIаролхой а соьца бахкийта гIоьртира гендиректор. Со суо новкъавелира. Амма, элира ас цуьнга, и гIуллакх къасто хьожур ву со, зулам и долу дела. Цунах дов хилахь, ваша Гехон бераш сан гергара нах бу.
Суна ваша Гехон кIант ганза дукха хан яьллера, сан доьзалехь хиллачу буохамна телефон чухула кадам а бина и IадъIийча  дегабаам бина а вара со. Цунах и саннарг Iоттаделла хиллехь, со Соьлжа-ГIала а, Москва а кхочур вара цуьнан бIаьра хьажа а, цуьнан бала биекъа а. Ваша Гехос а изза дийр дуйла хаьара суна. Амма цуьнан кIанта а, кIентан кIантта-м муххале а ца дира. ДIасадевллера тхо. Кхин заманаш, кхин мехаллаш- ахчанна тIаьхьа а бевлла, и ца хилча ялсамане а кхочур вац, цигахь Iалур а вац моьттуш бу уьш… Со а вуй-те уьш санна. Сан сайн бехк хила а мега. Делахь а, ваша Гехон воккхах волу  кIант гича хазахийтира суна. Цуьнан велавалар дика а, догцIена а дара. Иза  азвеллера, къанвеллера, маж йитна, шен дех дIатарвеллера.
Тхойшиъ ганза дикка хан яьллера. Могуш-паргIат хаьттинчул тIаьхьа, суо вар бахьана дIадийцира ас. ГIайгIане вуьйжира ваша Гехон кIант. Цец а ца велира иза, я и саннарг хила йиш яц а ца элира цуо.
- Кхузахь садоIийла хир дац, - аьлла ша вехачу хIусаме дIавигира цуо со. Хьалха а, тIехволуш кхаьргахь хиллера со. ХIетахь нехан ши чоь йолчу квартирехь хиллехь, хIинца гIалин юккъехь даккхийра цIенош а, рагIу кIелахь лаьтта еза машен а. Ваша Гехон кIанта боху:
- КIанта эцна дукха хан йоццуш.
- Балхахь мичахь ву, хIун лиелош ву? – хоьтту ас.
Ваша Гехон кIант макхвели, хIуммаъ ца олу. Делкъал тIаьхьа со юха ван новкъавелира. Гергарниш а соьга висахьара бохуш бацара. Ваша Гехон кIанта зIееттарх, шен кIант ца карийра. Ша хIун ду а хьаьжна, соьга зIетухур ю элира цуо. Цуьнан зуда, шен марнаний, марйижарий санна соьга цабиезам болуш ю. Цуо соьга боху тIаьххьара а:
- Тхан кIанта и саннарг лелийна а дац, я лиелор а дац. Цхьа хIума делахь а, хьан кIант бахьана долуш хила тарло. Иза маьрша гIуллакх лиелош вац, тхайниг шена тIаьхьа ийзош ву. Тхан кIант цуо аьлларг деш а, цунах кхоьруш а ву. Цунна тIаьхьа а ваьлла лиела. ХIинца а цига вахана, мичахь ву а ца хаа, зIе а яц, - йоьлху иза. – Тхуна хIуммаъ ца хаьа моьтту хьуна. Хьан кIант а, и хьуна вевзаш волу оьрсийн къутIа Руслан а буьйсанна юккъехь кхечира кхуза, азвелла, Iаржвелла цомгуш а хилла. Цхьана кIирнах подвал чохь Iийра. Ас кхебира и шиъ. ХIинций-хIинций милици а еъна тхо массо а лоцур, я хIаллаквийр ву бохуш, кхоьруш.
- Сан кIант кхузахь вара? – инзарваьлла со. – Маца?
- Ши бутт хьалха, оха хIара цIа эцна дукха хан ялале.
- Кхуза муха кхаьчнера уьш?
- Ца   хаьа. Тхан   Iовдало гIодинера царна. Хьан кIанта тхайниг а хIаллаквийр  ву. Дера вийр ву. Бала!  Цхьана хенахь хьо а, хIинца хьан кIант а бале ваьлла  тхуна.
Эццахь ваша Гехон кIанта човхийра иза. Суна ма-лаъара ца човхийра. Башха ийза ца луш, кхин дIа бохура зудчо:
- Кхуьнга и саннарг хIунда дийци ахь? И аьшпаш! Кхуьнан иштта а дог лозуш ду. Хьан гендиректор халкъан бахам лечкъош, оьрсашна болх беш цхьа къу ву. Тхан кIант талорхо вац. Оха могуьйтур а дац!
- Яхийтта кхузара! – тIаьххьара а вистхилира ваша Гехон кIант. И къайлаяьллачул тIаьхьа боху цуо:
- Хьан кIант галваьлла и ун даржош ву.
- ХIун ун?
- Хьайна хаьа-кх хьуна.
- Суна цуьнан наний, ваший дийнийла хаьа. Русланна а изза хилла.
- Гой хьуна, йохье а бевлла, шаьш цу юкъа бахна. Хала а ма хиета, иштта ду-кх иза. Кху чуьра кIант а шайна тIаьхьаваьккхина.
- Хьайниг Москвахула лиелаш ву, - боху ас. – Сан гендиректора цуьнгахь леррина гIуллакххо ву а аьлла тиешалла а ду. И муха ду?
- Аьшпаш бу! ХIинца базарахь муьлхха а тиешалла иэца йиш ю. Сан кIант совдегар ву.
Кхин дIа къамел дан ца лууш хоьтту ас:
- Гендиректоре хIун ала ас?
- ХIун ала? Цкъа делахь хьо цуьнан агIо лаца биезаш вацара.
- Собар! – сайл воккха велахь а хадийра ас цуьнан къамел. – Со цуьнан агIора вацара. Ас цуьнга дIахьедира со хьан агIора ву, аьлла. Цул сов сан бала болуш гIуллакх а дац хIара.  Шаьш къастаде шайн миллионаш. Хьалдолчеран шайн сингаттамаш а, гIайгIанаш а хуьлу.
- Тхо миллионераш дац, - хIинца со хадаво цуо.
Церан бахаме бIаьрг туьйхира ас, вист ца хуьлуш. Бакъдерг дийцича, цу бахамех хьоьгуш а вацара со. Мелхо а ваша Гехон кIантах дог лозуш элира ас.
- Кхин хIара гIуллакх хьиехо лууш вац со. Вайн юкъаметтигаш хьалха санна дика а, мерза а хила лаьа. Хьан да ас эвлаяъ санна лоруш ву. Цундела  хьо воккхахверг волу дела ас иштта лору, – къевллина маравоьллира ас иза.
Ваша Гехон кIентан бIаьргаш тIунделира: - Цига Нохчичу а ца воьдуш Iийр вац хьо? Цигахь чIогIа кхиераме ма ду. Кхузахь паргIат Iан меттигаш а ю. Тхо долчохь сацахьа.
ХIинца со дог дешна, воьлхучу тIевелира:
- Баркалла, ваша. Шун цIа-м, хIинца хьовх, сан дахарехь уггаре къизачу шерашкахь а сайн хиетта суна. Ткъа ваша Гехо!...
Хала  дIасакъаьстира тхойшиъ, кхин гурвоцийла хууш санна. Ши бутт балале ваша Гехон кIентан дог сецира. Хьалхарчу дийнахь церан керта Нохчичуьра цхьа гIера еънера, бохуш дуьйцура. Ма-дарра дерг сох лечкъа дахь а, цуьнан кIанта  лелийнарг бахьана долуш хила тарло и. Со цу хенахь генахь вара. ТIаьхьуо бен ца хиира хилларг.
Амма со дукха хьалха ваьлла, хIетале хьалха дагалиеца а, яздан а ца лаахь а, волавелччара яздан диезаш дуккха а хиламаш хилира.
30 апрель, суьйре
Тахана санна декхна де деъча, кIад боцурш а язъеш, хиъна Iан дог ца догIу. Лаьмнийн хазалле хьоьжуш, и тергалъеш Iан лаьа. Эзарза гина а, со воьлла а хила диезаш сурт делахь а, юх-юха цаьрга хьиежа лаьа. Оцу хазаллех, мел дукха хьиежарх ца Iеба со. Лаьмнаш чIагIделла, меттаххьовш а доцуш ду моттарх и бакъ дац. Уьш йочаний, йоькханий санна бос а, сибат а, шайн кеп а хуьйцуш, дийна, чохь садолуш санна хиетало суна. Хийца ца луш дерг кхузара цIена хIаваъ ду. Кху лаьмнашкахь, кийра буьззина и мерза хIаваъ чуоьзча, хьо хьуо маьрша хилла ца Iаш, маршо йиезаш а, цхьаннех возуш воцуш хуьлу. И уггаре лакхара кепхилар ду, оцу хIавао суо вахийча санна хиетало.
Лаьмнийл дика лаьмнаш бен хила йиш яц. Доцца аьлча, царел дика а, лекха а, исбаьхьа а хIума хила йиш яц. Нагахь санна хьо цунах кхиета а кхетта, и лаьмнаш диеза а делла, царна ахь хьайн са дIалахь, цара хьо а лорур ву, шайниг ву аьлла тIе а лоцур ву. ТIаккха хьуна церан мотт а Iемар бу, и баххьаш вовшашца даима а къамелаш деш, вовшийн лоруш ду. Цундела уьш даиманна лаьттар а ду. Царна юккъехь сийлахьдерг – биезам а, ларам а бу. Лахенца аьрцнаш ца хилча, лакхенца Башлам а хир бацара.
Лаьмнаша шайга хIунда воьху-тиехьа. Церан буьххье ваьлларг вочу хIуманах цIанло дела. Шайна тIевала хала хIунда хуьлуьйту цара? Боьхачу адамаша церан кIайн баххьаш бехдон дела.
Нагахь санна хьуна лаьмнаш диезаделлехь, царна хьо кхин а чIогIа виезалур ву. ТIаккха лаьмнашкахь хьайн дегIан йозалла а ца хаалуш, тIомадевлла аьрзуш санна хьийзар ву хьо лаьмнашкахула, хьо хиестош лаьмнаша дечу къамелашка ла а доьгIуш.
Тахана лаьмнаш, къамелаш дина ца Iаш, соьца цхьана илли олуш  ду. Сан синехь мукъамаш ду. Сан дагахь – илли! Сан дегIехь синтем бу. ХIунда аьлча, селхана Шовдас яийтина аьлла, посылка яхьаш со волчу веара меттигера милцо. Цу чохь паспорт ду, мосуьйттаза Европе ваха йишйоцуш, шенгенски виза а йолуш. Суьрташ дохург а, цхьацца бедарш а, уггаре а коьртаниг – Шовдас нохчийн маттахь лоькху эшарш тIеязйина экъа ю, ша-шена тIаьхьара роялца мукъам а балош. Шахбулатов Iадланан а, Димаев Iелин а, Айдамирова Марьяман а, кхечеран а мукъамаш бу уьш.
Сахиллалц бохург санна ладуьйгIира ас цуьнга. Юх-юха лоькхуьйтуш Гадаев Мохьмад-Салахьан «Даймахке сатийсар» цIе йолу йиш лоькхуьйтуш, сайн бералла а, берийн цIа а, ваша Гехо а дагаоьхуш вилхира со. ЛадоьгIуш Iуьллучохь набкхетта хиллера суна.
Iуьйранна араваьлча, бIаьсте ю. Малх аьхна а, къинхиетаме а бу. Массо а ораматаша  зазадаьккхина. Дуьне цIинделла. ХIаваъ цIена а, мерза а, хьоме а ду. Лаьмнашкахь бен ца хуьлу цхьа башха тийналла ю. ЦIир-цIир деш олхазарш ду, Iин чохь декаш шовда ду. Кху къоьжачу Кавказан ша тайпанчу хьаьрмахь декаш сан йоьIан хьоме аз ду, цунна тIаьхьара олуш наьрташ санна лаьтташ лаьмнаш ду. Суна тIома а ваьлла генна дIаваха лаьа хIаваэхула.
Селхана меттигерчу милцочо сайга аьлларг дагадеара суна:
- Хьан дельтаплан ша тIома а даьлла дIадахна. Далла хастам бу и цхьадика дохарна.
Иштта хила а хиллера. Чехкачу мохо мас санна айъина, шина ломал дехьа даьккхина хиллера а. КхоалгIачу дийнахь бен ца карийра суна и. Геннахь цхьана тарха тIехь вайн байракх санна цIен-кIайн хIума лепара. Цига хьала вала ца лууш, керланиг оьцур-кх аьлла вара со.
Юха а Максим дагавеара. Сайн доттагIчо лелийна дельтаплан Iалаш ца йи-кх ас. Хала а, атта а хьала ваьлла, кхиераме дара, цунах йиснарг а лиело атта яцара. Цкъа-шозза бердах ваханза а волуш, цIаеара. Iовдал ву-кх! Шабарца элира меттигерчу милцочо. Ша-дерриг а го-кх царна. ХIинца кху лаьмнашкахь нахана ца хууш хIуммаъ  дан аьтто бац. ХIинца «уьш» шайна дерриг а го, дерриг а хаьа бохуш бу. Иштта ду-кх техники кхиар. ХIуммаъ дац. Сан цаьрца кIезиг ваха диеза. Амма хIетале сайн сатийсам кхочушбеш тIома вала виеза! ТIома а ваьлла гуттаренна дIаваха!
Кху лаьмнийн исбаьхьаллех а къаьстина дIа муха гIур ву? Сан хьомечу лаьмнех  а къаьстина!         ХIан - хIан!  Амма   кхузахь    дехачу    цхьадолчу адамех къаста-м  лаьа. ХIинца лаьа-кх. Цундела дельтаплан меттахIотто диезаш ву со. Мехкдаьттанхо велахь а, уггаре а хьалха инженер ву со.
Делахь а, цхьацца хIума тIе ца тоьу и тоян. Хьалавеъначу меттигерчу милцочуьнга яздо ас: «Хьаьхьамча а, цIен гатан кIади а нисдехьа суна».
- ХIунда? – реза вац и. – И къечIалг меттахIотто дагахь ву хьо?
- Ха- а, - гIам-гIим до ас.
- Лохур яц ас… Иштта а лазаро тIома воху хьо.
- Ха-а,-  юха а гIам-гIим до ас. Кхуо цхьаьнга дуьйцур дуйла хаьа суна, кхечо сан йоIе хоуьйтур ду. Шовдига ша дIаала ваьхьар вац хIара. Цу кеппара ваша Гехон кIентан кIанте а хоуьйтур ду кхо. Важа кхаьрдар ву сох…Сурт хIуьтту суна…
Дагаоьхург кхин дара. ХIетахь I999 шеран декабрехь Нальчикера ваша Гехон кIант волчуьра со схьавеъча, кхузахь боьдуш тIом бара. Цхьаъ дан диезаш ву со. Гендиректор юха а Москвахь ву. Со цуьнан метта висна. Со хьалха болх беш хиллачу урхаллин кертахь цхьа гIишло чохь севцца нохчийн тIемалой бу боху. Федералашна и туосаделла, кеманаш а, яккхийчу тоьпаша а тIетохарш дина цига. Мехкдаьтта доккхучу меттигашка туоха мегар дац аьлла бина барт а бара. ХIетте оцу туохарх цIе летта догуш ду мехкдаьтта. ЦIе йоккха ю. КIур гIали чу гIерташ, садоIийла а яц. Цунах-м доьлла вай.
Йохийначу биргIана чуьра хьаладетташ мехкдаьтта ду. Цхьаъ ца дахь сахилале дукха аьргалла охьаIенар ю. ТIаккха и яйъа чIогIа хала хир ду. ЦIе яъа гIирс а бац, нах а бац. Ахчанан  зиен  хилла Iаш, цуо гондахьарчу Iаламна деш долу зиен ду кхиераме. Массо а кхеравелла. Сахуьлуш и сурт цхьамма камери тIе а даьккхина дуьненна а дIагайтахь, хин йолу гIовгIа ца оьшу цхьанне.
Цундела буьйса елахь а, сан телефон екачуьра соцуш яц. Москвара коьрта директор ву, кхузарчу ханна йолчу куьйгаллера а зIеетта. Ткъа ас хIун дийр ду? Кхузахь цIейойъучу декъан хьаькаман телефон болх беш яц. Цуо леррина  дIаяйъинчух тера а ду и.
Буьйсанна дIасалела бакъо йолуш а дац тхо, боьдуш тIом хиларна. Кхиераме ду-кх. Со цхьаъ дан диезаш ву. Сайн белхан «уазик» тIехь тхешан гараже ваха дагадеана суна. И генахь а яцара. Тхан гIаролхой цхьаберш соьца бахка а гIоьртира. Амма цхьаъ хилахь, буса хIетте а, цхьаммо а кIелхьаравоккхур вац. Уьш кхиерамна кIел кхийса а ца лаьа суна, аравала бакъо ца хилча-м муххале а.
Пхеа минотехь балла бен боцу и некъ чIогIа бахбеллера суна. ДIакхаьчча цIеяйархой суна ков схьаделла а ца баьхьа, суна тIаьххье цхьаъ чоьхьаваларна кхоьруш. Иштта зама яра. Церан хьаькам шен меттехь а ву, ша телефон дIаяйъарна даре а до цуо.
- Буса цига цхьа а гIур вац. Тхуна цига даха а ца хаьа.
- Ас некъ гойтур бу шуна.
- Iуьйранна гойтур бу ахь.
- Сихонца и цIе дIаяйъа аьлла омра ду, - мохь бетта ас. – Аш и кхочушдан диеза.
- Мохь ма бетта. Цкъа делахь, буса ара ма довла аьлла тIедиллина тхуна. ШолгIа делахь, и ца хилча а, хIара кIентий цу кхиерамечу хьоле муха хьовсор бу. Хьайна хууш ду-кх хьуна хуьлуш дерг. Дийнахь а арадовла кхоьру кхузахь. Ткъа буса цара а, кхара а тIетухур ю, хьо мила ву а ца хоьттуш. И нахарташ бахьана долуш муха лийр ву?
- Цхьаберш и нахарташ йоцуш а леш бу, - оьгIазе олу ас.
- ХIаъ, - жимма соцунгIа хилла боху цуо. -  Хьайн кIант вуьйцу хир ву ахь.
- ДIасаца! – карзахвелира со.
- Со-м дIасоцур ву, бехк ма билла а эр ду, - цхьа гIулч юхавелира иза. – Амма хIинца со и цIеяйъа водахь, со хьан кIанта виен тарло.
- Боккха иэшам хир бацара, - оьгIазе боху ас. – Ков схьаделла!
- Ахь хIун до? – суна тIехьаьдира иза. – Цкъа чекхдаьлча. Стенна дуьхьа? Сахиллалц    кхуьйсуш  ю.    Бехк     ма  биллахь. Буьйса а яккхий Iуьйранна хьовсур ду вай.
- Схьаделла, - элира ас. Кхиераме дара цу хенахь. Ков жимма со чекхваллал хердира. Со араволлушехь сиха дIакъевлира.
- Дала Iалашвойла хьо, ларлолахь! Бехк ма билла.
Со вист ца хилира. Жимма лаьттира. Сайн дог детталуш а хезаш, тийна дара  гIалахь. Дог доьхнера. И цIейойъург бакъхила а тарлора. Ларамаза со сайн кIанта виен а тарло… Ларамазий?
Сан машен гена йоццуш лаьтташ ю. Цигара кевне кхаччалц уьдуш веънехь, хIинца юха воьдуш, меллаша, кура воьду со. Сайн хIун хилла а ца хаа. Балха тIе юха вахча: «ХIун дина? Цхьаъ де!» бохуш зIееттар ю. Айса хьалха болх бина хиллачу урхалле ерзайо ас машен. ЦIеран ойла еш а вацара со. Цига муха кхочур ву а ца хаара. Оцу гIалех йисначу хьакълагIашна юккъехула, бер санна, суо цхьа компьютер чуьра ловзар деш волуш санна вара со. Дуьххьарлерчу блок-постехь меттавалийра со. Кхузахь сирла догуш даккхий стогарш ду. Массо а аьчкабетонан  чIагIонна тIехьа дIалечкъина, гуш адам дац.
Иштта цхьа серлонан гIайре санна йолчу  шолгIачу блок-постал а тIехвели со. ГIалел ара а ваьлла, басех хьалавоьдуш, лай кIелахь хьулбина некъ гуш бац. Амма суна дика евза хIара меттигаш. Кхин цкъа а некъо гуола тоьхча, бIаьргаш а лазош серло туьйхира. Цхьа тIепинг самабаьлла, цуо Iеттош йолу алу санна стигала хьала кхийдаш яра и цIе.
Инзаре сурт дара. Цуьнга хьажа а лаьара, юха оцу луьраллех  вада а лаьара. И санна цхьа цIе сан кийрахь а ю. Кхуза схьавеъна хилча, хIун ду хьажа виеза. ЦIарна тIекхачале цхьа бIе метар йисча сецира со. Охьавоьссира. Оцу кхехкачу ницкъо цец а воккхура, кхера а вора. Оццул генахь велахь а, юьхь ягош яра и цIе. Дийнахь санна сирла а дара гонах. Уггаре а мехкдаьтта алсам хуьлчу метте кхеттера. Мехкдаьтта ша-шаха хьаладуьйлуш яра хIара биргIа. Нийсса цу чу ца кхиеташ, юххе кхетта а дика дара. Соьга йоккха чIинт дIакъовлалахь, иза туолам лара мегар дара. Со дIахьаьдира. Каранаш а дагош цIийъелла чIинт тIехьовзийна хьалаоьху мехкдаьтта сацийра ас. ЖоьжагIатехь санна яра йовхо. И ца хиллехь мекхайоьлла а, гIорийна а хилла йолу чIинт соьга меттах а яккхалур яцара.
Юха сайн машен йолчу хьаьдира со. Айса доккха гIуллакх дина хиеташ а вара. Цхьаммо цуьнан мах хадор бацахь, Iалам а, хIинца кхузахь бехачу нехан могашалла а айса Iалашъярх воккхавера со.
ХIинца сайн балха тIе а вахна, хаам бан йиш яра сан. Дог-ойла гIаьттина сан машен чу хууш, гучуделира сан йовха куртка цигахь йисна хилар. Коьртахь куй а, сан мел долу кехаташ а цигахь диснера. Юха оцу тевне ваха хала дара. Юха а киснахь документаш доцуш лиела йиш а яц. И ойланаш ечу юкъана го суна басара охьа сан машен йолчу тIеуьду цхьа IиндагIаш. Мецачу берзалойн арданг хила мега, аьлла дагатесира суна.
Сан къевлина йолу неI дIаозийра. Тоьпан бух тоьхна аьнгали а кагдеш цхьамма шийла куьг чу а даийтина неI схьайоьллу. Катухий со аратакхуо вулу. Кхиерамазаллин доьхкарша сецаво со. Сан лерга юххехь шок тухуш урс хьокхий, доьхка а хадош  аракхуссий лайла вуожаво со.
Дукха кхеравелла дуьхьало а ца яло соьга. Цхьа экханан санна меца а, къиза а ду цуьнан хьерадевлла бIаьргаш. Сан логе лаьцна шаьлта а ю шийла.
- Мила ву хьо? ХIун деш ву кхузахь? – мажъяьлла къиза юьхь, цIеран серлонехь кхин а кхиераме хиета. Дукха кхиеравелла, мотт сецча санна волу со юха ластаво цуо. – Мила ву хьо? ХIун деш ву?
- Э-э-э, - цхьаъ ала гIурту со, хIара санна киртиг тIехIоьттича, хьалха санна легаш дIалоций, урс хьоькхуш санна лазар туху сан легашкахь. Эццахь цхьаммо цIеначу оьрсийн маттахь олу:
- ХIунда ловзаво ахь и. Документашка а, киснашка а, машене а хьажий, сихха вала… Хьо машен тIе хаа…
- Ру-услан! Руслан! – иккхира сан багара. Массо а дIатийра. Сан логах хьекхалуш хилла шаьлтанан юьхьиг а юхаяьллера.
- ДIахилал цкъа, - юха а суна дика девзаш долу и зевне аз. Суна тIехула чукхевдира кхин мажъяьлла юьхь. ЦIеран серлонгахь хьовх, дийнан делкъахь малхехь а вевзар вацара суна Ольга Сергеевин кIант. ЧIогIа  хийцавеллера иза. Юьхь тIехь тIамо лар юьтуш бисна ши муо бара, бIаьргаш а тохарлера къоначу стеган доцуш, хийцаделлера. ХIинца а суй богура царна чохь, делахь а дегIах чекхдолуш къиза Iожаллин нур дара и. Хьалхалерачу Русланах диснарг цуьнан аз дара.
- Хьо вуй и?
Белшаш а лаьцна хьалагIаттийна къевллина маравоьллира цуо со. Юха а хилла, леррина соьга хьаьжира и. ЦIеран серлоно къагийна йолу цуьнан юьхь хийцаелира, догдикане хилира, бIаьргаш а тIунделира.
- Сан нана, ненанана дагайогIий хьуна? Вайн подвал, - шен юьхь  лачкъош юха со маракъевлира цуо. Цхьана кIезигчу ханна малвелла, дегIана и лахвелча санна хиетаделира суна. Амма юха а кийрахь цхьа хийцам хилча санна, вулавелла, тIулг санна чIагIвелира иза.
Юха а ваьлла, шен бедаран пхьош юьхь тIе а хьаькхна, ца вевзачу кепара хийцавелира иза. БIаьргаш дара тIуьна.
- Хьо кхузахь хIун деш ву?
- Кхузахь буохам хилла. Хьажа веъна-кх.
- Хьуо цхьаъ? Буса? Ваха кIордийна хьуна?
- Болх.
- ХIун болх? Оцу бежлошна ахча даккха гIо деш, хьайна лучу нахартийн дуьхьа?
- ХIун дийр ду ткъа? Ваха ма виеза. Кхин суна дан хууш хIуммаъ дац, - цунна хьалха бехказвуьйлу со. Ткъа цуо шениг дуьйцу.
- Оцу боьхачу хIуманашна гIуллакх дан ца оьшу. Мел дукха зуламаш дина цара вайна?
- Ас хIинца хIун дан диеза? – со а оьгIазвоьду. Хьуна тIаьхьа хIоьттина ламчу, хьуьнах хьала вада везий? Вадалур вац, я лаа ца лаьа. Воккха ву. Айса лелориг лартIехь доцийла а хаьа. Россе а вахна оьрсашка цабиезам кхабар а изза я цул а оьшуш дерг ду-кх.
- Оьрсийн хIун бехк бу? Со суо в ву-кх ах оьрси.
- Оьрсин бехк бац. Iедалан хIун бехк бу?
- Хьо царна гIуллакх деш ву!
- Со цхьанна гIуллакх деш вац. Со сайн цIахь Iаш ву, хене вала гIерташ, ваха гIерташ. ХIара сан болх бу
- Оцу белхан дуьхьа ловш ю-кх ахь хIара кхиераме халонаш?
- Ахь, шу массара хIунда лов и халонаш.
- Х-м, - боху Руслана, - нана а, ненанана а, деваша а вийначул тIаьхьа, царна хьалха гуора хIоьттина…, - цхьа маьттазниг элира цуо. Цул тIаьхьа мелла а сох эхьхетта дIавирзира.
- Бехк ма биллалахь, - юха жимма аз кIадделлера цуьнан. Шел ца ло хьо? Иштта схьавеъна хьо?
- Сан куртка а, куй цигахь охьакхоьссина ас. Документаш а цигахь ду.
- Документаш доцуш мегар дац хьуна, - велакъежира иза.
- ХIан-хIан, - шен накъостий болчухьа а хьаьжна. – Цхьаъ гIой, цигахь Iуьллу куртка а, куй а схьаба. Чехка. Ткъа хьо машен чу хаа, цомгуш хила тарло.
- Оцу цIаро вохвина, хьацар даьлла ву со.
- Чехкка машен чу хаа.
Цуо гIо а деш машен чу хиира со.
- Къайладовла! – аьлла шениш юьстах бехира цуо. – Цхьа пхеа минотехь вистхир ву тхойшиъ.
Вукху агIора суна юххе машен чу хиира Руслан. Тхойшиъ готтачу машен чу нисвелча, кор дохийна чекхбуьйлуш мох белахь а, хийлаза хьацар дийлина лийчаза дукха хан яьллачу адамах йогIу акхаройн хьожа хааелира суна.
- Руслан, хIунда? Оцу лаьмнашкахь, хьаннашкахь муха Iа шу?
- Доьлла-кх, - боху цуо.
- МаьIна доцуш, чаккхе гуш ма ю.
- Дерриг а Делан карахь ду, - хадийра цуо сан къамел. Жимма Iийна. – Серло дIа а яйъий, юха воьдуш стогарш ца латош ваха хьажа. Кхиераме ду.
Сайн кIантах дерг хаъалц, кхузара дIаваха дагахь вацара со. Руслан а кхеттера сан ойланех.
- Хьан кIантах лаьцна. Кху дуьненчохь сан уггаре а хьоме адам а, доттагI а, ваша а ву иза. Наха хIуъа дийцахь а, хьайн кIантах дозалла дан диеза ахь.
- Мичахь ву иза? – иккхи сан. Руслана шениг дуьйцу. – Суна а, хьан кIантана а ахь оха лиелориг къобал ца дойла хаьа. Цхьанхьа кхиерам боцчохь доьшуш, вехаш, зуда а ялийна, доьзал кхиош велахьара нийса хир дуйла а хаа. Со гIайгIа йоцчу Европехь, цара кхобуш, доьшуьйтуш Iаш ма вара. ХIора буса гIийла нана гуш, кхуза схьакхойкхуш санна, Iан а ца велла, схьавеара. Ткъа кхузахь хIара шолгIа тIом болабелира.
- ХIинца дика наб кхетий хьуна?
- ХIинца янне а наб ца йо ас. Я цхьа бIаьрг а хьаббина Iуьллу, массо а тата хезаш.
Суна Зеба дагавеара. Иза а вара иштта набъеш. Кхоллам-яI!
Юха а сайниг хоьтту ас.
- Тхуна юкъахь цхьа ямартхо волчух тера ду.  Хьан кIант цхьамма кIелоне а кхайкхина чевнаш йина цунна. Доьналла а, майралла а хиларна цу юккъера кIелхьарвала аьтто хилла цуьнан. Оха иза Гуьржехьа дарба дайта вахийтина.
- Муха вахийтина аш иза?
- Ахча а делла. Федералашна махбелла.
- Цаьрца хьакхадалар а  хуьлу шун?
- Даима хьакхалуш ду. Бомбанаш етташ ца го хьуна? И дац  хьакхадалар? Бакъдерг аьлча, тхуна тIехь куьйгалла деш цхьа а вац, Дела воцург. Хьуна ма хаъара, цIеяххана нах а бу тхуна юккъехь – аренан хьаькамаш бу бохуш. Уьш массо а бохург санна цхьацца леррина долчу гIуллакхийн векалш бу.
- Россин?
- Россин хилла ца Iаш, кхечу пачхьалкхийн а хила тарло. Царна дIасабаха некъ буьту, уьш гIарабохуш гойту, царна дарбадойту. Цхьа цIех юьзна концерт ю-кх. Ловзарш ду-кх. Наггахь хIара дерриг а дитна, ахь бохург а дина аравала лаьа. Вала аьтто бац. КIентий дIатаса йиш яц. Кхара юьстах волуьйтур а вац. Хьан кIанта а, ас а кхарна туохарш дина. Гечдийр дац кхара. Цхьамма тхо долу меттиг йийцинчух тера ду. Цера-м спутник чухула сирникийн ботт каро а йиш ю. Оццул болчу ницкъана дуьхьал тхо муьлш ду?  Доккха са а даьккхина, ойла йина, гIийлачу озаца боху цуо.
 – Кхузахь кестта хийцамаш хир бу боху. Дикачу агIора хийцамаш. Цу хене мила вер ву ца хаьа. ХIетале тхо саннарш хIаллакбина дIабаха леринчух тера ду. Гуо гатлуш хаало суна. Мотт бетташ верг мила ву а хаьа моьттуш ву со. Селхана хьажийна тоьхна, сан тобанах ах хIаллакйина, кхоъ чевнаш хилла ву. Тхо виъ висна-кх, цигара араваьлла хиларна.
- Машен оьший шуна?
- И хьайниг санна йолу машен. Хьа-хьа, хьан машен а Дала схьаели-кх, аьлла чухьаьвддера. Хьайниг ца оьшу тхуна, хьан бедар а схьакхечи. Гучуделира цхьа IиндагI. Машен чуьра охьавоьссира со.
Суна хьалха лаьтташ, мегарг юьхь тIе чо а баланза, оза жимха ву. Цуьнан хьажар гIийла а, кхоьлина а ду. Сайн куртка тIе а юхуш Руслане боху ас:
- Машен дIайига.
- Ахь хIун дуьйцу? – Руслан охьаэккха машен чуьра.
- ДIайига, - юха а боху ас.
- Ахь хIун дийр ду? Хьуна и бахьанехь…
- Айса къастор ду ас. Шуна суначул а чIогIа оьшу.
- ХIаъ. Сахилале тхо гена девр дара, кIентий кIелхьарбаха биеза, - со къевллина маравоьллира цуо. – Баркалла! Ахь хьайна тIелаьцнарг хIун ду хаьа суна.
- КIадбоцург ду, - боху ас. – Ши диехар ду хьоьга.
- Алал, - дегI нисдина дIахIутту иза.
- Дита хIара гIуллакх!
- Дита йиш яц. Цундела хьох уьдуш ву хьан кIант.
- Цуьнца зIе муха нислур ю?
- Ца хаьа. И гIуллакх деш верг, - со цецвоккхущ, ваша Гехон кIента кIентан цIе йоккху цуо.
- И муха карор ву?
- Иза а ца хаьа суна. Къайлаваьлла, – дIаваха сихвелира иза.
- Собар дехьа, Руслан. Хьуна а, хьан тобанна а лерина цхьа миллион доллар даккха гIерташ волчух тера ду иза.
- Миллион?! Тхуна-м цхьа бIе эзар а тоьур ду. Миллион тов!
Ас сайниг боху юха а.
- Цуьнгахь лерринчу гIуллакххой тиешалла дуй хаьий хьуна?
- Хаьа дера. Иштта ца хилча оха зIе хьаьнгахула кхочушйийр яра. Хьан кIанта магийнера-кх иза, цуьнан денда Гехо лам санна къонах вара бохуш.
- Ван а вара, - тIечIагIдира ас.
- ТIаьхье осал яьллий-тиехьа?
- Дерриг а халкъ осалдаьлча санна хиета суна-м. Ахчано талхийна массо а.
- ХIаъ, - тIечIагIдо Руслана, - ахчано дукха гIуллакхаш нисдо.
- Лаьмнашкахь, хьуьнчохь ахчанах аш хIун до?
- Герз а, молханаш а, юург а хьуьнчохь хьалакхуьуш яц. Массо а хIума оьцуш ю. Цхьана федералашка некъ а бостуьйтуш, вукхаьрца тIом беш ду тхо. ХIара сайца болу кегийрхой дозанал арабаха лууш а ву со.
- И хатта лууш вара со.
- Ас кхайкхина баьхкина бац уьш! – боху Руслана карзах а вуьйлуш. – Со санна, уьш массо, хьан кIант а чуозийна, хIаллакбеш бу.
- ХIун пайда хуьлу?
- Собар! – хадийра цуо. – Массо а хIума ахчанца дустуш дац, я ахчанца кхочушдеш а дац. Цига массо а ахча долуш а дIанIур ву. Со а, Дала мукъалахь, текхаш гIур вац. Хьа-хьа-хьа, - цIаьххьана велалой со маракъовлу цуо. – Суна чIогIа дукхавиеза хьо. Ас лору хьо… Тхо дIадаха диеза…
- Сан кIант Гуьржехахь дарба лиелош ву боху ахь? Билггал муьлхачу меттехь ву иза?
- Ваша Гехон кIентан кIантана хаа диеза, - Руслана иштта цIе яьккхира цуьнан. – Тхан гIуллакхна араваьлла лиелаш вуй-тиехьа и? Я ваша Гехон кIентан кIант хила хьакъ вуй -тиехьа и? Ган ма-гиннехь къастор ду ас. – Юха а мара а кхетта, лере а таьIна боху: - Баркалла, бехк ма билла. Кхиета… Марша Iойла!
Масех омра а дина. Ша машенна хьалха а хиъна, жимма генаваьлча, машен а сацийна, охьа иккхина суна тIехьаьдда, боху:
- Хьуна тхо ца гина. ЦIе йолчу тIевоьдуш кхузахь дIахIоттийнера. Цхьамма дIайигна. Хьан? Ца хаьа. Баркалла! – юха со маракъевлина, велакъежна, жимвелла, - хьо гина цIахь отпускехь хилча санна хиета. Ша дерриг а дика хир ду! Кестта сайн нана гур ю суна. АллахIу акбар!
… Цул тIаьхьа цхьа бутт сов хан яьлча, хьун йоцчу лаьмнийн басешкахула дIайоьду Русланан тоба хааелла хиллера беркеманна тIехь болчарна. КIелонна тIе а Iоттавелла, чIогIа чевнаш хилла Русланна. МостагIийн гуо гатбелча, шен накъосте тохий дIаваккха ша аьлча, вукхуьнгахь патарма а хилла. Лекхачу тархан йисте а текхна, чукхоссавелла иза, тIаьххьара «на-на-а-а» аьлла мохь а тухуш.

30 апрель, буьйса
Суо тIома ваьлча ас хIун мохь тухур бу-тиехьа? ХIан-хIан, со тарха тIера чукхоссалур вац. Со дельтапланаца тIома вер ву. И сан тIомавалар цхьаъ хилла а Iийр дац. Со дукхазза а тIомавийр ву. И сурт дуьхьал тесча а там хуьлу суна. Дельтаплан хIинцаъ кийча яц. Амма, со инженер ву, оьшуш йолу ортхалш ю. Масех де даьлча, хилийтахь  цхьа кIира далале ас и меттахIоттор ю хила ма-еззара. Сайн доттагIчуьн цIарах «Максим-2» аьлла цIе а туьллур ю. 2 - и хьалхалераниг йоцуш карлаяьккхина бохург ду.
Шовда яцахьара хIун дийр дара ас? Цуьнга сан дельтаплан мохо дIаяьхьна йохийна аьлла хаам бинера цхьаммо. Йоккхаеш, соьга зIеетта:
«Ас Деле дехнера», боху. Ас  дуьхьала хаам язбо: «Пятигорскехь дельтапланаш а, цунна мел оьшург а юхкуш йоккха туька ю». Максима дийцинера суна цунах лаьцна. Интернет чохь и бакъдира. Суна дIасалела мегар дац (Европе ваха мегар ду), бохуш сагатдора Шовдас.
Дукха хан ялале меттигера милцо гучувели. Шовдас ахча луш дахь а, мухха делахь сан гIуллакхе хьожу иза. Сан дельтапланаца йолчу шовкъана реза вац иза. Делахь а, и тоян суна хIун оьшу, бохуш хоьтту. КхозлагIчу дийнахь суна мел оьшург а яхьаш юхавогIу и.
- Хьайн кема таде ахь. Дала мукъалахь юха а ша-шаха тIома а даьлла дIагIур ду. Хьожур ву-кх цу суьрте.
Суна дагаоьху цуо сайна дийцинарг. Русланца тIаьххьара дийна виснарг хIара ма хилла. ЧIогIа чевнаш хиллехь а, тIаьххьара патарма кхачабаллалц дуьхьало йинера Руслана. Шен патармаш кхачийча омра  динера:
- Суна туоха! Туоха! Вие со! Я церан кара вахийта воллу хьо со кху хьолехь? Туоха, зуд! Ас омра до хьоьга!
- Туоха хIума яц. Патармаш кхачийна.
- Урс. Дагчу урс туоха. Чехка!
- ХIан-хIан. …а хиллахь!
Верриг цIийх вуьзна, когаш аьлларг ца деш, човхилла экха санна лайлахь Iуьллура и, буйнахь урс а долуш.
- Боьха хIума! КIилло! Соьга сайна а тохийтина, со ялсаманех ваккха лууш ву хьо? Суна сайн нана ца гайта лаьа хьуна! Схьатуоха! ХIоккхуза сан дагчу дахийта хIара урс, сиха садалийта сан!
- ХIан-хIан! Соьга далур дац и!–накъост дIаваха гIерта, ваха меттиг бацахь а.
   Саца! – мохь туху Руслана. – ТIаккха дIо берда йисте, Iин долчу дIатакхавехьа со.
Ши ког меттаххьовш бацара цуьнан. Руслан, куьйгашца гIодеш, басах текхира и шиъ. Йистте кхаьчча хIара кIант шена тIе а озийна, хинволчу меттигерчу милцога аьллера:
- Хьо къона ву. КарагIо. Дерригенна а со бехкеве. Ас Iехийна, тилийна  юкъаозийнера ала. Аьшпаш а ца буьттуш ма-дарра дIадийца. Дерриге а. Жимма ницкъбийр бу хьуна, чуволла а мега. Цул тIаьхьа вехар ву хьо.
Русланан багара цIий доладелира. Туьйнаш дIа а кхоьссина, оьгIазе корта а ластийна, дIатийра иза. Юха цуьнан юьхь серлаяьккхира велакъежаро. КIентан ворта шена тIе а озош, элира цуо:
- Вахалахь! Со ваьлла. Ас сайн нана ша йитнера. Ма чIогIа сагатдора ас цунна, бала хьоьгура. ХIинца бала хьегна ваьлла.
ХIара кIант дIа а теттина, шина куьйга тIе вазлуш, тIома дала кечделла аьрзу санна, кура дIахьаьжна,  лаьмнашка бIаьрг а тоьхна, чукхоссавелла, шен нана йолчу кхача дагахь тIома ваьллера иза. Цуьнца хилла жимха схьалаьцнера. Цуо дийцарехь чIогIа ницкъбеш хьийзинера иза. Чохь дукха хан  ца йоккхуьйтуш араваьккхинера Республикин керла хIоттийначу куьйгалхочо. Цуо-м дукха нах кIелхьарабехира, со а воккхуш.
ХIаъ. Со ма вара чувоьллина. Сан «Уазик» тIехь Руслан а, цуьнан накъостий а къайлабевлча, жимма лаьттира со. Уггаре хьалха урхаллин гIишлонах йисначу хьакълагIашка хьажа дагадеара суна. Цигахь сахиллалц собар дан а лаьара. Кхиераме хир ду-кх аьлла, новкъа велира со, гIала йолчу агIора дIаваха дагахь.
И некъ ас машенахь эзарза бинера, дуьххьара гIаш вогIура со цигахула. Басах чувуссуш вара со. Йогуш йолу цIе а дукъал тIехь йиснера. И гуш яцахь а, цуо кхоьлина йолу стигал цхьа тамаше босболуш, туьйранехь санна самукъане хоьтуьйту. ХIара тIом а, адамаша адамаш  дайъар а хила йиш йоцуш санна хиеталора. Со а маьршачу Соьлжа-ГIали чувоьдуш, цигахь соьга хьоьжуш сан бертахь доьзал а болуш, тхоьга хьошалгIа Ольга Сергеевний, Русланний а догIуш, сурт хIуьттура суна. Ольга Сергеевнас мелла а ийзалуш боху соьгий, сан зудчуьнгий: «Сан кIант Руслан, хьуна вевза и, шун хаза йоI Шовда, иза тхуна а евза, йиеза а йиеза. Цу кегийрчеран барт хилла, аш а, оха а и къобал а дина вешан гергарло кхин а  чIагIде вай».
- Дера чIагIде! – мохь туху ас хазахетий.
… Суна церан гIовгIа хазале, сайн сатийсамашкахь тентакваьлла хиларна, басах хьалагIертачу Iаьржачу лаьхьанах бIаьрг кхийтира сан. Со кхиетамчу веара. Тапъаьлла сецира. ТIаккха хезира суна бIаьхаллин машенаша ен гIовгIа. Оцу гIовгIано со холчухIоттийра, корта лазабаьккхира, са малдира. Меттах а ца валалуш  некъан юккъехь лаьтташ вара со. Уьш совцо, юхаберзо а лаьара суна. ТIегIерташ йолу къахьана, къагаран кIуьрзаш, цIийн, тIеман хьожанаш хааелира суна. Амма сан ойланашкара туьйра дIадаланза дара – «Руслан а, Шовда а дийна ду, къона а ду». Ас и шиъ цхьаний даха хаор ду. Дика зудий, майрий хир ду царах. Церан бераш а хир ду, хиндерг а хир ду. Цуьнан дуьхьа кху тIамах а, хIокху эскарх а вада виеза.
ДIасахьиежа вуьйлира со. Гена йоцуш цхьа коьллаш яра, диехьо хьуьнан аса а яра. Со коьллаш тIе кхечира. И тайпа машенийн могIанаш дукха гинера суна. Дийнахь, гIали юккъехь, киснахь документаш а долу инженер хилар цхьаъ дара. Буса, шерачу арахь, коьллаш кIелхьара гучувала, хIинца ахь къамелаш динчу тIемалошна таIзар дан йоьду хIара машенийн къепал а.
ХIинца кхийтира со, корта гIамарлахь лачкъо бохучух. ХIара сурт ца ган, корта лаьттах болла а реза вара со. Латта дегадора, угIура  оцу ондачу  никъан кIелахь. Хьалхаяьлла еза ши танк яра,  тIаьхьайогIуш БТР-ш а, БМП-ш а йолуш. Уьш ягаръян дагатесира суна… Масех кIантана дуьхьал оццул боккха ницкъ?
Эхасохьте ца кхоччуш Iиллина хир вара со. Хала Iиллира, орца а дохуш дIа ца водуш хала сатуьйхира. Со царна хааваларна а, цара сайна тоьпаш туохарна а чIогIа кхоьрура со. Цул сов со ган ца гуш, цара суо хьашарна а кхоьрура. Садукъделлера сан а кIур а, хьожа а бахьана долуш. Цу юккъехула «ма дукха мехкадаьтта дагадо-кх кхара» бохург  дара коьртехь хьийзаш. Мел дукха эчиг а, къинхьегам  боллу оцу техникехь? БIенаш кегий нах бу-кх, шаьш санна болу кхин кегийрхой хIаллакбан боьлхуш. ХIунда? Стенна? ХIун бахьана долуш? Уьш а, хIорш а шайн-шайн цIахь белахьара дика дацара? Танкаш а ца хоьхкуш, тракторшца ялташ а кхиош, доьзалш а кхобуш Iийр бара-кх. Буьйсанна шайн хIусамашкахь набъеш хир бара-кх. Амма, хIинца олуш ма-хиллара, цхьаммо Iехош, лоькху, вай вовшийн дууш ду.
И адамаллех йолу ойланаш дукха ях ца луш хедира сан. ХIинца коьртаниг кхин дара. Къийсамо а, тIамо а вон дохьу. Сайн гIийлалле хьаьжжина, кху тIама юккъера сайн доьзалца вада виезаш хиллера со. Мелхо а Iовдал санна Соьлжа-ГIала йолчухьа воьду, некъ а ца хоьржуш, минанех а ца ларлуш. Делан къинхиетамца хIума ца хуьлуш сахилале тхешан конторе кхечира со. Москва телефон а тоьхна хаам бира. Юха сайн машен дIайигарх, айса лелийначух а лаьцна кехат яздира. Русланах лаьцна хIума яздан ца оьшура. И дагчуьра дIа-м ца волура. Эццахь яздеш  Iаччохь набкхийтира суна. ГIенах Шовда а, Руслан а гира, уьш цхьана кхетча санна хиеташ, сан сатийсамаш бара уьш.
Иза-м гIан дара.

1 май, де
Ламчохь дагахь доцчу кепара сиха хийцало хенан хIоттам. Селхана малх хьаьжна, ахькен тIехь санна йовха яра. БIаьсте яра. Буса шийла мох белира. ЮргIана кIелахь а шеллора со. Iуьранна корах арахьаьжча, ло диллина, кIайъелла гонаха. Дахарехь а иштта нисло-кх. Соьца-м хуьлу иза. Къанвеллачу дийнахь суо набахти чувуллур ву аьлла дагахь дацара суна. Оьрсийн олуш ду-кх: «Набахтехь а хир вац, сагIа а доьхур дац, алий чIагIо ма е».
Сайн йозанаш яздеш ву со, нагахь шу хIинца а уьш доьшуш делахь, деша дог а дагIахь. Айса сайна яздеш ду хIара-м.
…ШолгIачу Iуьйранна цIеяйъархой а буьгуш юха айса куьйгалла динчу урхалле вахара со. Тхо аьттиехьа а ца дитира. Эскархоша го а бина, зуламхойн тоба хIаллакъеш бу боху. Суна-м и цIе дагахь а яцара. Русланах хIун хилла ца хууш, сагатдора ас. Цунах лаьцна цхьа а хаам бацара. ЦIе ша-шаха дIаяйнера, ягориг а дIалакъийна хиларна. Москвахь ас динарг чIогIа къобалдеш, суна баркалла бохуш, соьга зIетуьйхира Россин энергетикин министра, суна пачхьалкхан совгIат а лур ду элира, цул совнаха кхаа беттан алапин  барамехь суна ахчанца совгIат дина а элира. Дахар жимма нислуш санна хиеталора. Чевнаш йина велахь а, сан кIант а дийна ву, Шовда а кхузахь ю.
…Гуьмсеха кхиеташоне кхойкху соьга. ТIеман урхаллин куьйгалхо а, цуьнца цхьаьна тхан гендиректор а цхьана кеманца схьакхаьчна. Кхиеташонехь гендиректор хилча а тоьуш вара. Соьга а кхойкху. ТIаьххьарлера кхиеташо дага а оьхуш, саготта вара со. Лере а таьIна, тхан гендиректора боху: «ЧIагIлолахь! Хьан гIуллакх ледара ду».
Цу чохь массеран а меттигаш билгалъяьхна яра. Со неIарехь нисвеллера. Воьхна, вистхилалуш а вацара со. Суна тIевеара цхьаъ. Ша эскаран прокурор ву, шена тIаьхьахIоттий аравала, боху. Коридор чохь кхин шиъ а вара.
- Со кхиеташоне кхайкхина ву урхаллин куьйгалхочо, - боху ас.
- Цунна хууш ду хьуна. Тхан хьоьга масех хаттар ду.
Цу кертахь цхьана гIишло чохь эскарийн комендатура а, прокуратура а хиллера. ШолгIачу гIат тIе хьалавигира со. Кабинета чохь вара къона стаг.
- Олег Викторович, - аьлла ша вовзийтира цуо, суна охьахаа меттиг а гойтуш. Суна хаьара хIун хоьттур ду. Цундела мелла  а сапаргIат вара со. Цкъа хьалха со мила ву а хиттина, цIаьххьана:
- Хьан белхан машенах хIун хилира?
- Руслане дIаелира ас.
- Муьлха Руслане? Маца? Муха? Ма-дарра дийцал.
- Ма-даррий? – хоьтту ас. Юха пхи шо хьалха хилларг дуьйцу. ХIун къизалла а, акхаралла а яра хIетахь хилларг. Суо подвал чу муха кхечира, цигахь сайна Ольга Сергеевна гар а.
- И лирика оьшуш яц.
- Лирика хиета хьуна и?
- Кхузахь хоьттуш верг со ву.
- Ахь ма-дарра аьлла дела.
- Русланах дерг хаа лаьа суна. Маца, мичахь вевзина цунна хьан кIант? Хьуна хьайн кIант тIаьххьара мичахь гина и хIинца мичахь ву?
- Муьлха кIант?
- Хьан кхин а кIант ву?
- Вара. Аш вийна иза.
- Ас вийна? Тхо кхузахь Конституцин къиепе а хIоттош, террористашца тIом беш ду. Хаттарна жоп ло.
- Со лаьцна вуй?
- Хьан кIант террорист ву. Ахь царна гIо до аьлла, хьох шиеконаш ю тхан.
- Ю? – боху ас. – Шуна иштта хиета? Со хьол воккха ву. Суна дукха гина. Оцу террористашна гIо дийриш церан, ахь вуьйцург Руслан а, сан кIант а велахь, церан наной а, ненананой а, вежарий хIаллакбинарш бу.
- Суна девза хьан досье.
- Хьуна досье елахь а, суна сан дахар а, доьзал а, бераш а ду иза.
- Сацийта! – стоьл тIе буйтуху талламхочо. – Маца гина хьуна хьайн кIант!
- Пхи шо хьалха, ракета а тоьхна сан зуда а, воккхах волу кIант а вийча.
- Жоп ло. Я ас подвал чу вуьгур ву хьо. Цигахь кхечу кепара дуьйцур ду вай.
- Хьайна хуур ду-кх хьуна, - аз доьхна сан. Цунах кхеравелла-м ца доьхна, цхьана легашкарчу лазаро садукъдо-кх.
Талламхо шениг дуьйцуш ву.
- Маца гина хьуна хьайн кIант-тIемало?
- Ракеташ тоьхначу шолгIачу дийнахь. Сан зудчух а, кIантах а йисна меженаш тхан ломахь йолчу юьртан кешнашкахь дIаерзош соьца а хилла, ши де даьлча дIавахара иза. ХIетахь дуьйна суна гина вац иза, цунах тIемало хиллийла а ахь аьлчий бен хиъна а дац суна.
- Тхуна ша-дерриг хаьа, гуш а ду.
- Соьга хIунда хоьтту ахь тIаккха?
- Хьан бехк мел бу хаа лаьа тхуна.
- Со да ву-кх. Хьан дай-наний дуй? – хоьтту ас.
- И хьесапе дац, - оьгIазвахна иза. Юххе а хилла боху. – Хьан Москвахь йоI юйла а хаа тхуна.
Со баккъаллаъ кхеравелира. Садукъделлера. Талламхо тIетиеIаш ву:
- ХIинца хьайна Руслан муха гира дийцал. Пачхьалкхан машен цуьнга дIа муха елира ахь? Ахь гIо а дина кIелхьара бевлла уьш. ХIан?
Со ма-дарра дийца воллура. Хала дара суна.
- Хи лохьа суна.
- Чай, я шура тоьхна кофе?
- Суна чIогIа хала ду. Доьху хьоьга, хи ло.
Соне а вахана цхьана мокхачу стаки чохь хи кховдийра соьга. Вон хьожа йогIуш даьржина хи дара. Ас къурд бира.
- Жимма охьадахийтича цIено хи дан мегара.
- Луьттург чухула чекхдаккхий ас и? Хе-хе-хе. Вуола мегар ду хьуна. ТIедогIу шераш а, велла дIаваллалц кхул ледар хи мийла диезар ду хьан. Хьуна-м и девзаш а ду.
ХIун ала диеза а ца хаьара. Легаш дакъаделла хIуммаъ ала а ца лора. И хи кхин мер долуш а вацара со. Карзах а ваьлла  цунна буй туоха дагахь а вара. Эццахь неI а йиллина чоьхьавелира лекхачу дегIахь цхьа онда стаг. Ханна сол жимма къона хила а мегаш, корта сирбелла а болуш вара иза. ЧIогIа гIелвелла а вара. Соьга а ца хьожуш оцу къоначу талламхочуьнга а хьаьжна, шена и дуьххьара гуш санна омра дира цуо:
- Чехкка ши шиша минералка схьадал! – Цуьнан метта охьа а хиъна, вехха соьга хьоьжуш Iийра и. Киснара цигаьркан пачка гучу а яьккхина, хаьттира:
- Хьо узуш вуй?  КIур новкъа-м хир бац хьуна?
Ши шиша а дахьаш чоьхьавелира талламхо.
- Чимтосург схьая, - омра. – Вало хьайн гIуллакхашка хьажа.
Цунна тIаьхьа неI дIакъовлаелча чувеъначо цигаьрка латийра. Хьала а гIаьттина, суна хьалхара стака а эцна, чIинт йолчу а вахана, стаки чуьра и букъарш охьа Iанийнара цуо. И стака суна хьалха охьахIоттийра. Шен пIелгаш йоллучу дашочу чIагарца шишанан тIус схьабаьккхира. Стаки чу минералка доьттира.
- Мала хьайна могашаллина, - элира. Коре а вахана и схьа а диллина дуккха а кIур беш лаьттира иза.
- Хьайна дийца хала делахь, яздина кехат тIе дилла мегар ду хьуна…Тхуна иштта оьшу и. Протокол хIотто диеза. Язде ахь, - суна хьалха кехаттий, ручкий юьллу цуо.
Стака дуьззина минералка дIамелча  гIоли хилира суна.
- Стенах лаьцна язде ас?
- Хьан машен муха къайлаелира.
- Ма-даррий?
- ХIаъ.
ХIун язда диеза ца хууш, вехха и ручка ловзош Iийра со (хIинца санна яздан говза вацара). ЦIе яларна тIера дIаволавелира со. Дуккха яздира ас. Суна тIехьа вогIуш, сан йоза доьшуш, гондахьа хьийзаш вара иза. Юха цIаьххьана ши кехат яздина со ваьлча, уьш соьгара дIадехира цуо.
- Хьан куьйгащ иэгадо. Хьан йозанах кхиетар вац цхьа а.
Юхь-куьг дулучу тIе а вахана, чIинт схьа а йиллина и кехаташ тIада а дина этIош хица канализаци чу дахийтира цуо. Цул тIаьхьа шен куьйгех гата а хьаькхна суна дуьхьал охьа а хиъна:
- Ахь аьлларг дIаяздеш айса протокол  хIоттор ду ас. Хьо куьг яздичхьана волу.
Цо дукха ца яздира, цхьа ах агIо хиллал. Йозанин хатI сайчул а ледара дара цуьнан. Доцца яздинарг хIара дара: «Ло а, цIе а бахьана долуш биргIана юххе машенца тIе ца вахавелира со. Сайн дахарна кхиерамечу хьолехь и биргIа дIа а къевлина Iаламна а, пачхьалкхана а дукха зиен ца хуьлуйтуш и болх а бина, дог-ойла гIаьттина со юха веъча, сан машен ца карийра суна. И дерриг а ас сайн хьаькамашка хаийтина».
- Реза вуй хьо? Келахь, куьг язде. Таллам чекхбаллалц хьо сацо диезаш ду тхо.
Со инзарваьллера. Вист а ца хилалора. Шина гIаролхочо дехьа чувигира со. Мачаш тIера чимчаргIаш а дIадехира. Цул тIаьхьа цхьана подвал чу воьллира. Вуон хьожа а йогIуш, тIуьна а, шийла а яра и чоь. Ах сахьт даьлча, цхьа шиша хи а, ши бушлат а еара. Наб ца йира ас, цу чохь мел сатохалур ду тиехьа соьга, бохуш ойланаш еш. Цхьадика Iуьйранна цу чуьра ара а ваьккхина, «уазикан» тIехьарчу кIари чу а воьллина дIавигира.
Бури тIе кхаьчна хиллера со. Цигара мекхаш долу хьаькам цецвуьйлу:
- ХIара а тIемало ву?
- Цигахь уьш массо а хIара санна ву, - боху со дIавигинчо.
Со чIогIа дера а, оьгIазвахна а вара. Къаьсттина чIогIа Шовдина сагатдора ас. Цунна хууш хир ду. Цуьнан хиндолчух кхеравелла, холчохь вара со. Камери чу кхаьчча, Зеба дага а веъна, сайн жимма зеделларг долу дела, сатиедан гIоьртира со, болх Деле дIа а белла. Хуьлуш дерг диканна ду, олуш ма-хиллара. Кхузахь соьга дика хьовсуш хилар а хаалора суна. Набахти йолу дела, кхузахь хала ду. Делахь а сан ша къаьстина камера а ю, суьйранна пхьор диъначул тIаьхьа чоьхьаволу цхьа онда стаг:
- Ассалам Iалайкум! Сан да хIири ву, нана – гIалгIа. Хьуна оьшуш хIума делахь схьаала.
Москва Шовдига телефон туоха лаь суна. Цуьнга и ала ца хIутту со. Цуо ша боху:
- Массо а охьавижинчул тIаьхьа ас телефон кховдор ю хьоьга. Совнахдерш а ца дуьйцуш, оьрсийн маттахь цхьана минотехь вистхир ву хьо. Кхетий хьо?
Москварчу Шовда Iаш йолчу хIусаман нанас схьаийцира телефон. Сан аз а хезна: - Шовда, Шовда, хьан да ву зIеетташ!
…ХIинца ду и Шовдас къамел деш, ас дуьхьала гIам-гIим деш. ХIетахь со цуьнан сатиедеш, сихха къаьстар долуш хIума ду бохуш вара.
- И бахьана долуш? – йоьлху и, тхойшинне хаа цуо вуьйцург шен ваша вуйла.
- ХIан-хIан, - боху ас, оьрсийн мотт бийцалахь. – Сатеде хьайн.
Иштта доцца къамел, ши де мосузза дели, и дика гIаролхо балхахь волчу буса хуьлу тхойшиннан. Оцу деношкахь дика хьал хуьлу соьгахь. Кхечу деношкахь а соьга хIума олуш стаг вац. Мухха делахь а, сан хене хьаьжча хала меттиг ю-кх, кхача а ледара бу кхузахь. Амма уггаре Iаткъаме дерг сан сица доьзна ду. Сайн берийн гIайгIано холчухIоттаво со. Цигахь чевнаш йина кIант? Дийна вуй- тиехьа? Мичахь ву? Кхин а чIогIа лазаме ду йоIаца дерг. Цуо боху:
- Ша  муха   ехар   ю? Суо юьсур ю со? ХIунда? Суна ца лаьа иштта яха. Яхалур а яц.
Цхьана минотехь ас хIун эр ду цуьнга, муха сатедийр ду? Цуьнан аз хазаре сатуьйсу ас. И цуьнан шовда санна зевне долу аз айъалучу хенахь, юха салтийн эткаша лазийна шагделла Шовдин аз довза а ца девза суна. Цуьнан доцуш санна диека и. Амма сой бен цунна гIодан адам дац. Со цунна гIодан диезаш а ву. Юха цуьнан тийжаша а, узарш а хазарна кхоьру чохь, цхьа чIагIделла шерачу тийначу озаца боху цуо:
- Цуо зIетуьйхира…
ЧIогIа мехала хаам бара и. Делахь а къамел кхечу хорша дерзош, хьо муха ю, хоьтту ас. ЗIе чекхъелира.
Цу буса наб цаеш сагатдира ас. Тхан къамелашка ладоьгIуш а хир бу, Шовда церам тидамехь хила а мега. Иштта хила а хиллера. ШолгIачу дийнахь со барт хатта вигира. ХIинца керла талламхо ву. ЧIогIа кечвелла, цхьаьнца телефона чухула къамел а деш, воьлуш ву. Цхьа бани а, зударий а буьйцуш ду и къамел. Телефон дIа а яйъина, кIеда-мерза соьга маршалла а хаьттина, охьахаа меттиг а гайтина, сан гIуллакхан кехаташ а листина боху цуо соьга:
- Хьо жима воцийла гуш ду. Хьакъволуш  лоруш стаг а ву хьо. Ахь хьалха дийцинарг бакъхиларан тоьшалла а ду. ХIинца и хьиесапе а дац. Хьан лачкъийна йигна машен а ягийна лаьтташ карийна. Селхана хьан Руслан а, цуьнан гIера а хIаллакйина.
Талламхо къамел дечуьра сецира. Соьгара хьал а гина хоьтту цуо:
- Хьуна вуон хилла?
Со вист ца хилалора. Хьалха санна а доцуш, цIаьххьана чIогIачу лазаро къевлира сан къамкъарг, садиеIа хала дара суна.
Руслан а воцуш, цуьнан нанас Ольга Сергеевнас сайга аьлла тIаьххьара дешнаш дара сан дагахь: «Iалашвехьа сан кIант. Руслан каде велахь а, дог дика долуш, хьанал а, Iехалуш а ву. Шен дагадеънарг дIаолуш ву. Доьху хьоьга, кхузара дIавигий кIелхьараваккхахь иза».
КIелхьара ца ваккхавели. КIелхьар ца ваьккхи…
Талламхо кхеттачух тера дара.
- Хи оьший хьуна?
Ас хи мелира. Жимма гIоли хилира. Сан кIант цуьнца хиллехь, иза а Руслан санна… Амма цуо селхана шен йише зIетоьхна. Сан ойланаш йоьшуш санна, хоьтту цуо:
- Алахь, селхана хьан йоIа «цуо зIетуьйхира» элира. Мила ву и «цуо» бохург?
Ток тоьхча санна вара со. Юха а къамкъарг лазаелира, сан корта охьа а таIош. ХIинца Руслан санна, сайн дагахьдерг дIаала лаахь а, вистхилалуш вацара со. Талламхочо юха а хи кховдийра соьга. Хи мелла гIоли хилча, юха а хоьтту:
- Мила ву «иза»?
- Хьуна нохчийн мотт хаьа?
- Тхуна шадерг а хаьа, - жоп ло цуо. – ЛадиегIар товш дацахь а, тхешан хьашташ лардеш дут хо.
- «Шайн», я пачхьалкхан?
- Э-э-э, кхузахь хаттар дийриг со ву, - хьалха санна самукъане ву иза. – Амма хьан хан а, дарж а тидаме а оьцуш, боху ас, хIинца со прокурор хиларе терра пачхьалкхан хьашташ лардеш ву. Ткъа вайн пачхьалкхе, вайн суд а санна уггаре адамалла а, нийсо а йолуш ю.
Ша аьллачух ца вешаш санна гежира и.
- Дага йогIий хьуна и кино?
- Кино дагайогIучохь вац со.
- «Мила ву миллионер хила лууш» боху ловзар гиний хьуна? – самукъадаьлла ву иза. Хьала а гIаьттина боху. – Сан «зIетоьхнарг мила вара» бохучу хаттарна диъ жоп ду. Царех цхьаъ бен нийса а дац: а) лулахо,  б)  вевзашверг,   в) гергарниг, ваша хила а тарло,  г) тIехьийза кIант.
Иза ловзар дара. Олуш ма-хиллара, дерриге а дахар ловзар ду. Цу ловзаран чаккхие а хууш ю, гIийла а ю. Цу чаккхене сатуьйсуш а вара со. Къамкъарг юха а дIалаьцна чIогIа лозура.
- ГI-м, - йовхарш туьйхира ас.
- ХIаъ, - тIараш туьйхира талламхочо. – Ахь «г» элира – тIехьийза кIант. И нийса жоп ду! Цундела хьуна коьрта совгIат догIу. ЦIе йойъуш майралла а, доьналла а гайтарна хьуна совгIат дина, аьлла указ ду «Российски газетехь» зорба тоьхна. И совгIат а схьаэца Москва Кремле кхайкхина а ву хьо.
И аьллачул тIаьхьа юьхьтIера хийцавелира и, къовламе а хилла, сан лере а таьIна кIоршаме элира:
- ЗIе тоьхнарг мила вара туна хууш ду. Шен-шен хан ю массо а хIуманан. Диц ма делахь, ловзаран бакъонаш тхоьгахь ю! СовгIат хьанна дала диеза, мила тоьлур ву а, мила оьшур ву а тхуна хаьа…

4 май, буьйса
Хьалхара ши де чIогIа шийла деанера. Къилбаседехьара мохо еза мархаш лоьхкура. Дохк яра. ТIаьхьуо ткъов йолаелира. ГIура ма хилийтахьара, бохуш Деле доьхура ас. Массо а заза, маргIал  а гIораяхь, дийнаташна мацалла хIуттур яра. Иштта буьрса ду лаьмнашкара дахар. Амма суна кхин дахар-м ца оьшу. Суна кхузахь бен ваха а ца лаьа. Кху дахарх воккхавеш а ву, лаьмнашкахь халонаш дукха елахь а. Ток дIаяьлча чIогIа хала ду, иза кест-кеста, къаьсттина йочана хилча, дIайолуш а ю. Сан-м генератор ю. Эшначохь ток ю сан, амма ток хиларх зIетуоха йиш ца хуьлу. Шина дийнахь сагатдира ас, Шовдин зIе схьацакхочуш. Лаха чохь йолчу, йоккхачу юьрта чувосса йиш яра сан. Дан диезаш гIуллакхаш дара, дельтаплан меттахIоттош ву со. Кху деношкахь цхьа а адам ца гина суна  гондахьа. Австрехь йолчу Шовдина хууш ду-кх со и дельтаплан тоеш вуйла.
- ХIун дан воллу хьо цунах? – ша цунна оьшуш йолу  ортхалш иэца гIо динийшехь, чехаво цуо со. Резаволуш дуьхьала гIам-гIим до ас. Хазахиета суна цуьнан аз хезаш! Суо БуритIехь мукъа ваьккхича, уггаре а хьалха ас шега зIе тоьхча, мел йоккхаеш яра иза.
Со Москва дIакхаьчча, аэропортехь суна дуьхьала еънера Шовда. Вуочуяьлла, бIаьрган гуонаш сенделла, суна мара а кхетта, йоьлхура. Сахиллалц цхьацца дуьйцуш Iийра тхойшиъ, дийца хIума дацахь а.
- Вашас зIетуьйхира. Дийна а, могуш а ву. ГIуллакхаш вуон дац.
- Мичахьара схьаеттара? – мосуьйттаза хоьтту аса.
- Ца элира. Хьох дерг ма-дарра хууш-м вара и. Хьо кестта араволуьйтур ву а элира.
- Хьан номер муа хиънера цунна?
- Ца хаьа… Цул цхьа ши де хьалха соьга зIетуьйхира…, ваша Гехон кIента кIентан  цIе яьккхира цуо.
- Ахь хIун дуьйцу? – цецволу со. – Цунна муха хиъна хьан номер?
- Ахь елла шега,  бохура. Суна иза ганза дукха хан яра.
- Ас хьан номер цхьанге а ца елла. ХIун бохура кхуо?
- Со ган лууш ву ша. Аса музучилище вуола элира цуьнга. Иза кхузахь уьйтIахь лаьтташ хиллера.
- Хьан адрес муха хиъна цунна?
- Ас хаьттича, воьлура, шена дерриге а хаьа, бохуш. ЧIогIа кураллаеш вара. Дада,  ахь  бехк  ма   билла,   ваша  Гехон  тIаьхьенаш  ахь   чIогIа  ларахь  а,    иза-м цхьа ша ву…
- ХIун элира кхуо?
- Ваша кIелхьара а ваьккхина, дозанал аравалийтина ша, бохура.
- Мичахь ву иза?
- Мичахь ву ца хаьа. Кху деношкахь Гуьржеха а, туркойн махка  вахна, цигахь ваша карор ву шена, бохура. Соьгара маршалла дIа а лур ду, сан телефонан номер а лур ю. И иштта нисделлачух тера ду. Ши де даьлча вашас зIе туьйхира.
- И шиъ цхьана кхеттий?
- Ца хаьа. Вешина сан номер-м хиъна.
- Вукхуо кхин зIе туьйхирий?
- ХIан-хIан. Амма кхо де хьалха, вашас соьга зIетоьхначу дийнахь телевизор чохь хаам бира, Гуьржехан дозанал дехьабовла гIоьртинчохь тIемалойн гIера а, церан баьчча а вийна, аьлла, - елха йолаелира иза. Дуккъаъ йилхира. Юха бIаьрхишна юккъехула шабарш дира:
- Руслан вийна. Цуьнан эрчадаьлла дакъа схьагайтира. Кхин а каравахна ши тIемало а, церан цIераш а, фамилеш а йохуш. И ваша Гехон кIента кIант а царна некъ гойтуш вара аьлла хаам бира. Хьуьнхахула уьдуш леллачух тера вацара и суна гинарг.
- ШолгIа схьалаьцнарг? – хаьттира ас.
- И суна ца вевзара.
ХIинца хаьа – и тхан меттигера милцо вара. Цуьнга хаьттира ас, цу хиламех дерг. Цуо дийцира, хиетарехь, Руслан дерригенах кхиета а кхиетта, цу юккъера аравала дагахь хиллера. Ведана гена йоцуш йолчу цхьана юькъачу хьуьнхахь церан гIеране хьоьжуш хир ву ша, аьллера ваша Гехон кIентан кIанта. Гуьржеха боьду некъ гайта биезаш а вара иза. Цунах шекваьлла Руслан, и схьакхачаре ца хьоьжуш дозане дIагIоьртинера. Хьун йоцчу кхаьчча, уьш ларбеш кIело йина хиллера. Беркеманаша тIеетта йолийнера. Меттигерчу милцочо дийцарехь, ваша Гехон кIентан кIант шена камери чохь бен гина а вацара цунна. Руслан кIилло а, ямартло а хиллера бохуш бехке вуора цуо. Велларг бехке ван атта ду.
…И буьйса Шовда йолчохь яьккхира ас. Хан яьлла хан ю, бохуш, хIусамнанас дIа ца вахийтира. Суна диван тIехь мотт билла а гIоьртира. Ас суо Iаччохь гIентахь набйира.
Iуьйранна чай молуш, Шовдин хIусамнана хилла ца Iаш, цуьнан хьехархо а йолчу цуо хазахетийтира суна.
- Башха йоI ю хьан…Юьхьдуьхьал ала мегар ду иза. Суна дика накъост а ю. Мукъамаш лакхарал совнаха, мукъам баккха а хууш ю хIара.
Сайн массо а бала бицбелла воккхавево со оцу дешнаша.
- Шовда, тхан хьоста, лакхал айхьа кхоьллинарг. Елха ма елхалахь… Иштта дешнаш а, биезам а…елха муха ца йоьлху.
Шовда эхьхетта, корта оллийна Iаш ю: - ТIаккъахула, юха вовшахкхетча, - боху гIийлачу озаца.
- Шовда, - карзахйолу хьехархо,- ас мосузза аьлла хьоьга – шега лакха аьлча, ца локхуш верг ледара артист ву, я цуьнга и дехар дийриш цуьнан тидаме ца кхочуш бу. Хьо хIинца говзанча ю, Делахь, тхо ледара ладогIархой лору-кх ахь… Ялол, рояль схьаеллий, дена хазахетийта.
Когах тоьхна буржалш долуш санна тIеяхна рояль юххе охьахиира иза. Шена  дуьххьара гуш санна хьоьжура цуьнан пиллигашка. Ехха Iийра иштта. Цуьнан бесни тIехула охьауьду бIаьрхиш гуора суна… Цуьнан куча тIе оьгура даккхийра тIадамаш. ЦIаьххьана гIаьттира мукъам, цхьа эккхар хилча санна. Юха шарлуш дIаяхара а. Йиш лекхира цуо. Аьхначу биезамах долу и дешнаш  дага ца догIу суна. Цуьнан нана а дагаеара. ЧIогIа сатийсинера цуо йоIе дешийтарна. Оцу мукъамо а, дешнаша а сан бIаьргех а хи даьккхира.  Хьалхара биъ могIа лекхначул тIаьхьа и дехьа чу хьаьдча, сапаргIат а делира сан.
- Дика кIант вара. Дика поэт хила тарлора цунах, - элира тийналла йохош хIусамнанас. – Хьуна и вевзаш хилла моьтту суна.
Цецваьлла хьоьжу со цуьнга. Кхин дIа боху цуо:
- Цуьнан цIе Руслан яра. Кху деношкахь вийна иза. Ма чIогIа йоьлхура.
Со инзарваьллера. Русланех а, Шовдех а болу сан сатийсамаш хIаваэхь хьийзаш хилла-кх. Со араволуш сехьа чу ца еара Шовда. УьйтIахь суна тIекхиира. ХIинца сатедина къовламе яра иза Йоккха хилча санна хийтира суна.
- Хьо кхин Нохчичу гIур ма вац? – дехар дора цуо.
- Иза, - ваша Гехон кIентан кIентан цIе яьккхира ас, - кхуза ша цхьаъ веара?
- ХIаъ.
- Цуьнца кхин цхьан а варий?
- Ца хаьа. Чекх са ца гушдолу кораш а долуш, Iаьржа «джип» яра. Соьга зезагаш а, эзар доллар а делира, вашас даийтина аьлла.
- Ахь схьаийцира?
- Вашас даийтина хилча…Хьуна ахча оьший? Ас хьаданза ду уьш. Зезагаш-м ас дIакхийсира.
- ХIунда?
- Резаяцара со царна.
- Руслан тIаьххьара маца гира хьуна? – цIаьххьана хаьттира ас.
ГIайгIане йоьжна, корта охьа а таIийна, чуяхара иза.

4 май, буьйса
ХIинца цхьацца жамIаш дан аьтто бу сан. Цхьа а дагахьбаллам а бац. ТIаьххьара сахьт тIекхаччалц сайн дегIана дола далуш хиларе сатуьйсу ас. Цундела сайн дельтаплан тоеш а ву. Сайн дахарна реза а ву со. Сахуьланга валахь, Кавказан исбаьхьалла сайн гур йолу дела а реза ву. Ламанан зезаг хьожаяккха  таро йолуш а, катетер чухула малахь а, сайн шовданан хи мала таро йолуш а воккхаве со. Ялсамани яц хIара? Дуьненан ялсамани! Иштта хаза дуьненан маьIиг кхаьчна-кх вайна. Дуьнен тIехь кхин а хаза меттигаш хила тарло, суна-м ца гина уьш. Бакъдерг аьлча, дуьне а кIезиг гина суна. Воккха хиллачул тIаьхьий бен дозанал арахьа а ца нисвелла. Кубехь хилла ала йиш ю сан. Ишттаниг а нисделира тIом болчу хенахь. Чов хилла, мичахь ву а ца хууш кIант вара, йоI а ша ю ала мегар долуш Москвахь яра, соьга Кубе гIуо аьлча.
Кремлехь а доцуш, тхан коьртачу урхаллехь «Къинхьегамехь билгалваларна» аьлла йолу мидал елира суна, ахчанца совгIат а дира. Даздарш чекхдевлча тхан компанин вице-президента ша волчу чу а кхайкхира со. Иза Соьлжа-ГIалара а волуш, цхьана хенахь ас санна Туркменехь болх бина а волуш дика стаг вара. Цу хенахь тхойшиъ вевзаш хилла вацара, хIинца махкахочо санна соьгахьа узуш, суна гIо деш вара.
- Юха а Нохчичу вада воллу хьо? – хоьтту цуо.
- Кхин мича гIур ву со? – цецволу со.
- ХIинца хьуна цига юха ваха кхиераме ду. Хьуна дерриг а ца хаьа. Даима хьуна гондахьа болчарна хьуначул а хьох хьакхалушдерг алссам хаьа… Хийла ца тарлург, даго къобал ца дийриг нислуш ду. Хьо набахти чуьра аравалийтар жима Iаламат ду. Оха гIо дира… Кхин гIо далур дац.
- Ваха а, болх бан а ма диеза. Кхузахь Москвахь йоI а ю сан. Сан ков-керт а дац. Алапех тешна ду сан гIуллакх. Я кхузахь суна болх хир бу?
- Бац, - юххе а таьIна, сан белша тIе куьг а диллина боху, - нохчочунна бац… Амма цхьа хIума ду. Оха Кубе йохуьйтуш говзанчийн тоба ю
- Мичара! – юхахьа велира со.
- Сих ма ло, - со ластийра цуо. – Ойлае. Нохчичу ваха йиш яц хьан цкъачунна. Цара юха а чувуллур ву, хан тухур ю. Собар дан диеза.
- Мел хан яккхайиеза Кубехь?
- Уггаре а кIезиг – кхо бутт. Цхьана шарахь Iан а мега.
- Ойла йийр ю ас, - ца хадош жоп делира ас, суо цига гIур ву аьлла дагахь а дацара. Шовдас муха ловр ду иштта къастар. Ас иштта дIа а элира йоIе.
- Дада, гIолахь, доьху хьоьга! СадоIур ду, сапаргIат дер ду. Дуьне а гур ду хьуна.
Иштта дагахь а доцуш Кубе кхечира со. Школехь долуш лоькхура оха: «Куба – сан биезам хьо!», «Куба – маршонан гIайре!» ю  бохург дара тхан кхиетамехь чIагIдеш. Фидель Кастро а ас башха лоруш вацара. Амма гIараваьлла волу Че Гевара суна турпалхо хиеташ а, ас лоруш а вара
ЮкъараIойлехь дуьххьала сайн цхьа хIусам нисъелча, ас цу чохь пенах тоьхнарг а цуьнан сурт дара. Москвахь тIенисвелла цуьнан сурт тIехь долу майка эцнера ас дуккха мах а белла. Цкъа йиттича и сурт хиэ даржийна талхийра.
ХIинца со Кубехь ву-кх. Февраль беттан чаккхие яра. Йовхо чIогIа яра цигахь. Аьхкенан тов кхин а чIогIа хуьлу бохура. Куба сайн хьомечу Кавказца юьстира ас. Вайниг дуьненан ялсамани ю-кх.  Куба а ю хаза меттиг. Адамаш а ду цхьа дагахь хIума доцуш, догцIена, амма кура. Цара гайтинарг онда масал дара цу хенахь. Уггаре чIогIачу пачхьалкхин Америкин мер кIелахь революци а йина, халкъ маршоне а, нийсоне а, социализме а дика арабевлира церан баьччанаш. Массанхьа Че Геварин суьрташ ду. ГIалат хила а мегаш, дуьххьарлера билгалонаш ю уьш. Со хIинца тохарлера жимха а вац, революци а, тIом а гина ву. И зулам дуйла хууш а ву.
Ткъа и Че Гевара, вайн  кхузахь хилла «бригадийн инарлаш» санна волу, цхьана хьалдолчу, сутарчу, эхьдоцчу наха юкъаваьккхина хилла хир ву.  Кхуза со кхаьччий бен ца хиира суна Ф.Кастро коьртехь волчу гIаттамхоша гIайренан цхьа дакъа бен схьалаьцна ца хилар. Уггаре гIолехь йолу США-н база йолу Гуантанамо  тергал а йинера. Кубин революцие яьккхинарг къиелла ю-кх. Нагахь санна 1963 шарахь хIора зудчуьнан юкъарчу хьесапехь 5 бер хиллехь, 2000 шарахь – 1,5 бер дара. Адамаш оцу гIайре тIера бовда сатуьйсуш ду. Нагахь санна кубинец Гуантанамохь гучувалахь, иза американцаша Кубин Iедале дIало. Цунна дина ца Iаш, цуьнан доьзална а, гергарчарна а таIзар до.
Нагахь санна  мексикански  хидоькъехула неканца чекх а ваьлла и Майами кхачахь, и аьтто цуьнан хилахь, США-хь ваха бакъо ло цунна. И чIогIа хала а, луьра а гIуллакх ду: бердйистера гIарол а, гIоркхмаш а, хIордан хин чехкалла а, Iаламан ницкъаш а. Кубинцаша оцу  хидоькъенах кешнаш олу.
Делахь а кубинцаш сакъералуш а, нийсоне а, сирлачу хиндолчуьнга сатуьйсуш болчух тера дара. Нийсонах дерг аьлча, бакъонаш талхоран масал лара мегар долуш, Советан Iедална а дагаданза дисна, цхьа хIума тидаме ийцира ас. Машенаш тIера номерш яра уьш. Пачхьалкхан машенийн номерш можа яра. Долахь йолчеран, уьш кIезиг а яра, цхьа тиша къечIалгаш а яра, сийна бос болуш яра. Кхечу мехкахойн – цIен, эскархойн а, полицин а – Iаьржа, церан машенаш дикачех а, механа езачех а яра. ТIаьххьара революцин баьччийн – кIайн бос болуш яра номерш. Уьш массарал а кIезиг ю. Хаалуш а яц. Наггахь бен. ЦК-н декъашхой юккъерчу хьесапехь 70 шарал тIехбевлла бу. Доцца аьлча, Фидель дийна мел ву, «Куба маршонан гIайре» бохург долуш ду.
Кхузахь кхийтира со Че Гевара мила хилла, и санна вайн ХаттабгIар а,, «лаца ца луш болу» турпалхой а муьлш бу. Кубех лаьцна-м дийца дукха дара. Тоьур ду аьлла хиета суна. Нохчичоьнца дуьстина дара хIара.
Куба а, цуьнан революци а бохург, цу заманчохь ницкъ болчара кхоьллина кхиерамтасаран масал дара. Шайн юххехь социализме а, нийсоне а гIертар  хьалха даьккхинчу коммунистийн «цIечу» уно махкана хIун дохьу, гайтаран Iалашо йолуш долийна гIуллакх а дара иза. Кубий, Нохчичоьй вовшашца юста хала ду. Амма муьлхха а революци зуламе ю-кх, мел яккхий сирла Iалашонаш а, сатийсамаш болуш и кхочушъеш елахь а. Суна и дерриг а гинера и дерриг а ас лайнера.
Замано а, некъаша а и бала бицбийр бу моттахь а, ас цигахь жимма садаьIира, дуьне а гира, малхехь а Iиллира, хIорда чохь лийча а лийчира, чIерий а лийцира. Доцца аьлча, дуккха тамашениг гира. Амма берашна а, даймахке а болчу сингаттамо суо цхьа хоьтуьйтура цигахь а.
Сайн хьомечу Нохчичу, и иштта хьолехь елахь а, дIакхача лаьара. Лаьмнаш ган а сагатлора. Аьхкене лестича-м муххале а. Ша Туркменехь санна тов яра, делахь а тIуналла алсам хиларна, кхин а чIогIа хала дара и йовхо лан. Сан шераш а хаалора. Болх хала бацахь а, шалха алапа делахь. Шовдас а, вице-президента  кхин а цхьажимма Iен бохушшехь, цIаваийта со аьлла, кехат яздира ас.

5 май, буьйса
Буьйса. Жимма наб а йина, меттавеъна, айса нийса ойлайо аьлла хиеташ ву со. ОьгIазалла а, биекхам бан лаар а адаман вуон накъостий бу аьлла хиета суна. Цхьанна биекхам бан диезаш а и далур долуш а вуй со? Жима а вац, замано а, Дала а шен хеннахь шадерг а дIанисдийр дуйла а хаьа, хIоранна а шен хьакъ дIалур ду Дала, суна а, массарна а. Сийсара массо а билгалонашца, таханлера де декхна хир дуйла хиира суна. Цундела хьалххе гIаьттина сайн риема лаха лам чу ваха дагалаьцнера ас. Дагна а, когашна а жимма ницкъ беш, вуолавала дагахь вара. Риема дукха гена ца яьллехь, делкъана юха верза а тарлора. Жимма са а даьIна, хIетале йохлург хир ю, сайн накхарш хIун деш ду хьожур ву со. Уьш жимма цIандан а диеза, хIора никхан неIарш хьала а ойуш, дургалан хьожа мала йиеза. Иза пайдехь ю. Мерза а ю. Сарахьуо сайн дельтаплан тоян дагахь ву со. Уьш хьалха коьрта меженаш хьаьхьамчица вовшахлатийна ас, уьш дика якъаелла, чIагIъяллалц Iаш ву.
Сарахь зIе а дика болх беш хуьлу, екхна хилахь. Шовдас зIетухур ю. Даима санна ас лиелориг хаа лууш, со чехош хир ю: «Стенна оьшу хьуна и дельтаплан? Схьа маца вогIу хьо? Доьху, схьавола кеманна тIе а хаий». Со дуьхьал гIам-гIим деш хир ву. ТIаьххьара яздийр ду ас: «Жимма Iийна дIавогIур ву».
- Дерриг а дита. ДIайохка, дIало. Даиманна а схьавола. Цигахь Iойла дац, кхиераме а, зуламе а ду.
- ХIан-хIан, - гIам-гIим до ас.
Иштта дара ас дан леринарг. Де иштта дIа а доладелира. Iуьйкъа ламазна гIаьттира со. Ламаз динчул тIаьхьа, малх схьакхиетале новкъавелира. Туьха а, топ а яхьа атта хилийта юткъа бедар юьйхира. Iуьйре шийла яра. Малх меллаша гучубелира. Лаьмнашкахь муьлхха а хан ю хаза. Амма хIара сахуьлу зама къаьсттина туьйранах тера ю. Массо а тайпана бесаш ловзадуьйлу. КIоргачу Iаннашкара дуьйна лекхачу башломан цIиен бос эцначу баххьашка кхаччалц. Малхбузехьа хIинца кхозуш эхьхетта цIийбелла бутт бу. Цунна юххехь гуш, цуьнан доттагI кIайн Сахуьлу седа бу. Царна дуьхьал хьалагIоттуш дахаран да – дашо малх бу. Гондахьа хIокху дукъ тIера дIахьаьжча гуш цхьа башха инзаре сурт, сатедеш йолу тийналла а ю. Ас кхин цхьа гIулч охьанехьа яьккхинехьа суна хезар яцара машенийн гIовгIа. И машенаш я сан керта, я лаха чуьрчу «ялсаманин майдане» йогIуш ю. Кхин дIа некъ бац. Со волчу баьхкинехь собар дийр ду, со юхаверззалц, я юха богIур бу. Нагахь санна «ялсаманин майдане» ягIахь, цигахь ваша Гехон кIентан кIант гучувала тарло – и боьха хIума.
ОьгIазалло а, биекхамо а хьекъал дохадо! Ойла а ца еш, доьгIначо дуург, сан говраша даа а мега аьлла, суо лаьттачохь охьаIанийра ас сайгара туьха. Со сай кIиелоне кхача сихвелира. Сан иччархойн топ а соьгахь яцара. И топ туоха а, виен лаьа суна. Цкъа топ ялийтича тоьур ду. ХIан-хIан, ерриге а ботт яссор ю ас. Цуо сан кIантана тоьхна яссийнарг санна. Биекхамо лаьллина вогIу со басах чу сихвелла. Цхьана минотана чуиккхина сайгара шалгу топ охьа а кхоьссина, турмал а эцна охьавахара. Сан иччархойн топ цигахь кIелонехь Iуьллуш йолу дикка хан ю. Веълара а вахна текхира со, цхьанна ца гайта гIерташ.
Турмал чухула дика го шадерг а. Делахь а дIамботт  чуьра сайн иччархойн топ хьала эцна, цуьнан хьажош йолу биргIа цIанйира ас. Дукха адам дара майданахь – ши «джип», «уазик», киралелон машен. Цхьа хIуманаш охьаяссий, меттиг тоеш, болх беш бохкура. Цхьа киечам беш бара. Амма ваша Гехон кIентан кIант вацара. Малх дикка лакхахь а болуш, шайн болх а бина, дIабаха уьш. Цхьаъ цига варе хьоьжуш, малх чубуззалц Iийра со. Топ кхоссар ца хилира.
Дика сайн герз дIа а хьулдина, юха а веълара, лар ца йитархьама, кхечу агIорхьахула хьалавелира со. Новкъа ваьлча сайн яьссачу керта ца воьдуш, цхьалло сабIарздина, меттигерчу кешнашка вахара со.
Кхоллам. Хийцамаш. ТIом. Сан дахар хьошуш чекхбелира иза. Кхузахь Iохкуш сан зудий, ши кIанттий ду. Массо а вийна. Нохчийн Iадаташца доьзна, царна биекхам бан диезаш ву со. Амма суна дагахьверг жимахверг ву. Цуьнан кошехь лаьтта со, юха айса доькхур ду бохуш дош а луш, хIунда аьлча иза ямартлонца, тешнабехкаца вийна волу дела. И биекхам балахь а, ца балахь а со кхин вехар воцийла а хаьа суна. Цунна кийча а ву со. Ши шо хьалха тхешан моллина гайтина ас, кхарна   юххехь сайна каш даккха меттиг. Цхьаьний Iохкур дут хо. Шовдех дог лозу-кх…
…Масех сахьт тIаьхьа а дисна Шереметьево олучу аэропортехь охьадоьссира Гаванера со цIавеъна долу кема. Циггахь лаьцна цхьанхьа чувигира со гонах ха а долуш, зуламхо санна. Цхьа  хIума къастталц сацош ву, аьлла.
Iуьйранна бархI сахьт даьлча, керла хьаькамаш хийцабеллачул тIаьхьа дIадолийра и къастор. Со кхечу кабинет чу вигира. Цу чохь цхьа подполковник вара, цхьа кехаташ кегош Iаш. Царна тIехь Iаьржа-кIайн мажош йолчу нехан сурташ дара, пурханехь яздина «хIаллаквина» аьлла дош а долуш. Билггал бакъду ала ца хаьа, амма цхьана суьрта тIехь Руслан вара, аьлла хиета суна. Ворта а яхйина со чухьажа гIоьртича, – паргIат Iел, - элира эпсаро. ХIинца суна ца гучу кепара хьоьжура и оцу суьрташка. Масех кехат тIекIел даьккхинчул тIаьхьа, ша лоьхург карийначух тера дара цунна. Соьга бIаьрг а бетташ, леррина хьийжира и цу кехате. Даго цхьа вониг хьаьхира суна.  Руслан волччохь сан кIант хила а тарлора. Вуон хилла юха къамкъарг  Iовжийра сан.
- Схьагайтахь суна а, - аладелира соьга.
- IадъIе! – ша хьала а гIаьттина вист а ца хуьлуш и кехаташ а эцна аравелира иза. Ши минот ялале кхин эпсар чоьхьавелира. Сан паспорт соьга схьа а кховдош цо элира:
- Бехк ма билла. Хьо дIаваха маьрша ву.
- Хи дуй? – халла элира ас.
- ХIаъ. ДIогахь хьаштагIа ю хьуна.
Суна хьаштагIа оьшура. Массо а агIора вон дара суна. Юха зал чу ваьлча, коьртах хIума кхетча санна, тентакваьллера со. Цхьана ехачу коридорашчухула воьдура со, гуш адам а доцуш. Араволийла оьшура суна. Сан легашкахь къаьхьалла ю. Мича ваха виеза ца хууш, холчохь ву со. Массанхьа  аьнгали ду. Царна чохь сайн сибат гича, сибат аьлча  а – цхьа IиндагI. Сайгара хьал хууш, кхин чIогIа халонга долу суна. «Араволийла» аьлла гойтучу сизаца дIаоьху со, цигахь со кху жоьжагIатера араваьлча меттаваре сатуьйсуш.
Сан кIант хIаллаквина бохург бакъ дац. И дийна ву. Суна тарделла. И бакъ ма хилийтахьара, бохуш Деле доьху ас. ХIинца цхьа гIовгIа а, къамелаш а хеза суна. Кестта араволийла хир ду. Ас болар сихдо. Юха аьнгалех хIума етташ Шовда го, ела а къежаш. Аьнгалех чекхвалалур вац со. Дика а ду. Кху хьолехь йоIана суо гайта а ца лаьа.
Юха а божарийн чоь а лехна, куьзган чу хьаьжча, белшаш а охкийна, цхьа ирча сибат ду-кх. Метта ван гIерташ юьхь-куьг дуьлу дуккха а. Куьзгана чу хьоьжуш, велакъажа а гIоьртира. Сайн йоIе вистхила чIогIа лаарна жимма меттавеара со.
- Дада, хIун хилла? Со холчохь яра. Массо араваьлча а, хьо гучу ца волуш, - гIелъелла, йишхаьлла а ю, йоккхаеш елахь а.
- Хьо хIун деш ю кхузахь? – реза вац со.
- Сихха хьо ган лууш яра. Шун кема схьа ца кхочуш масех сахьт а даьлла, метро а болх бечуьра сеццера.
- Буьйса кхузахь яьккхи ахь?
- ХIаъ. Хьо сацийнера цара?
- ХIуммаъ дац.  Таксица дIа хIунда ца яхара хьо?
- Буса такси тIе хаа ца яьхьа со. Ахча а дацара.
- ДIа а яхана, хIусамненера юхалург доккхур дар-кх.
- Ас хьоьга ца аьллера, са ца гатдайта.
- Ши бутт хьалха дIаяьлла иза, - Шовда елха озийра. Со суо а ву оцу хаамо холчу хIоттийна.
- Ткъа хьо?
- ХIора сарахь   цига  йоьду со. Зезагашна   хи туху,   цицигна   а, чIерашна а юург ло.
- Я ахь, я вашас зIетохаре ладоьгIуш а Iа.
- Туьйхирий цуо?
- ХIан-хIан. Сагатдо ас, - юха а йоьлху. – ГIенах кест-кеста нана го суна. Вежарий цхьа а ца го. Хьо дIавахна масех де даьлча жимах волу ваша гира суна гIенах. ЧIогIа сингаттаме вара.
Ас цуьнга хIуммаъ ца элира, амма оцу деношкахь суна а гIенах дуьхьалтесира чIогIа гIелвелла жимах верг, буьйсанна юккъехь легаш дIалецира сан, цIа ван лууш, сабIарзделлера, ахча а доцуш висира. Цул тIаьхьа болх а, паргIат хьелаш а бахьанехь дицделира иза. ХIинца Москва схьакхаьчча, юха баланаш гучубевли. Амма сан вуоха йиш яц.
- ХIун хилира хьан хьехархочунна?
- Вуон а хилла, лоьраш схьакхайкхира ас. Больнице дIакхачале дIаяьллера.
- Цуьнан бераш?
- Квартира къуьйсуш, девнаш деш бу. И дIайохккалц, соьга бIаьргъIуналла дахьара бохуш. Суо цигахь буьйса яккха ца яьхьа со. Сан доттагI йолчохь, бакъо йоццушехь юкъараIойлехь буьйсанаш йоху ас. Шозза милици а йигна со.
- ТIаккха?
- Ваша а, хьо а хоьттура. Ас ма-дарра дIадийцира. Ханна дIаязйина ю.
Со холчахь ву. Ткъа цуо боху:
- Дада, тахана музучилищехь экзамен ю сан. Йолаелла. И ас дIаяларх доьзна ду, сан консерватори диеша яхар.
Жимах волчо сайга яздинарг: «Дада, Шовдина консерватори диеша яха гIо делахь. Нанна чIогIа лаьара цуьнга диешийта», дагадеара суна. Тхойшиъ такси йолчу хьаьдира.
Дахар чIогIа чолхе ду, цуьнан маьIна хиндолчохь ду. ДIаяла йиеза экзамен юьйцура охашимма. Со сагатдеш вара. Шовда а яра тийжамаш беш.
- Аэропортехь шелъелла йишхаьлла сан. Со гIелъелла, кийча яц. Кхоьру чIогIа. Дерриг а дицделла.
Ас хIун дина сатедийр ду цуьнан? Ала диезарг а ца хаьа. Тхо Москван юккъе, Поварская олучу урамерчу юкъараIойле дIакхечира. Шовда бедарш хийцаезаш яра. Со араь цуьнга хьоьжуш соцу. Аьнгалин тоьхначу неIарехула и чу ца юьтуш и гIаролхо ву. Цунна гIо дан чоьхьавала гIурту со. Шовдас дуьхьала йодий, боху:
- Дада, чу ма воьллахь, кхин а вуон хир ду. Ахча луохьа.
ТIаккха иза чуяхийтира. Со сайн некъан тIоьрмигца арахь сецира. Ах сахьт даьлча, иза араяьлча, йовза а ца евзира суна. Iаьржа коч, Iаьржа лак хьаькхна мачаш, лекха кIажош а долуш, коча хьарчийна кIан йовлакх, еха Iаьржа чIаба!
- ХIорш эцна ахь? – цецволу со.
- Коч сан хьехархочо елла суна. Мачаш сан доттагIчуьнан ю.
ЧIогIа синтем байна, сиха а ю иза. Цхьадика училище а, консерватори а юххехь ю. Дукха кегийрхой а бу.
- Шовда, хьо мичахь лелаш ю? Массо а чувахана. Яда чехка.
И дерриг а дагалоьцуш, кху инзаречу дуьненах цецвуьйлу со! Сохьтехь сов лаьттира со неIарехь. Июнь буолалуш, йовха ю. Дерриг а дицдина, ойлаян а, сагатдан лууш вац со. Шовдий, цуьнан экзаменний бу-кх сан сингаттам. Цунна и чIогIа мехала дуйла а хаьа, суна а ду иза чIогIа деза. Цуьнан хиндолчу дахаре  туьллуш   долу   тIай   ду и таханлера экзамен. Цуьнан а, сан а дахар къастор долуш.    Цу тIех яла ца елира иза. Елха а ца йоьлхура, йист а ца хуьлура, гIелъелла, ойлане яра.
- Чекх ца ели, - бехкала яхана, гIийла елакъежира. - Йиш лакха а, рояль лакха ницкъ а,  я ойла а    яцара.   Эхь ду-кх. Со мацъелла, селхана дуьйна хIума кхаьллина яц ас.
Студентийн столови чу а дахана шортта яахIума ийцира. Со а вара чIогIа меца. Амма яа дог дацара. ХIун дан диеза а ца хаьара. Шовдина хIун накъосталла дийр дара? Сан ойланех кхетча санна боху цуо:
- Вайшиъ Соьлжа-ГIала  гIур ду?
Со вист а ца хуьлу. Ша шега боуш санна дуьйцу:
- Церан цигахь тIом бу. Цуьнан коьртехь а тIом бу. Иза, массо а нохчий музыкий, исбаьхьаллий юьцучохь бац», - иштта элира хьехархочо. – Кхин а «Шовда, тхан бехк бац хьуна». Ас боху «Мила ву бехкен?». Цуо боху: «Бехк ма билла, тхайна ма-хуъу Iамийра оха хьо, жамI ледара ду. Тхан къовсам боккха бу. ТIом бара аьлла еш гIоле а яц». Цхьа кIира даьлча юха дIаяла мегий ас? – дийхира ас. «КIира даьлча шун цигара тIом чекхбер бац. Исбаьхьаллина синтем оьшу. Цхьа шо даьлча, массо а санна хьажа мегар ду».
Шина куьйга корта а лаьцна, боху Шовдас:
- ХIара сатийсам а буьйхи. Дерриг а духуш ду, - цIийбеллачу бIаьргашца ерриге зале а хьаьжна, буьрса элира:
- ХIорш шайн сакъоьруш бехаш бу. Ткъа вай? Массо а бала вайн коча тосу. ХIун бахьана долуш. Алахь, Дада, вай хIун дина? Кхечу кепара ойлаеш, гIуллакхдеш, дехаш ду вай? Со уггаре тоьллачех студентка ма яра. Нанас а баьхнера, суна сайна а хаара, кхечарел лакхаяьлла хила езийла. Чекхдолуш хIара баланаш а, сингаттамаш.
- Со Кубе ваха виезаш ца хиллера.
- Мелхо а. Вай дерриш а  дара цхьанхьа  гена довла диезаш.
- «Кхолламах вадалур вац» ала дага деъна, юха а цуьнан сатедан  хьаьжира со. Иза шина куьйга юьхь къайла а яьккхина тийжаш яра.
- Цкъа охьайижна сама ца яла йиезара. ЧIогIа кIадъелла со. Дада! ГIодехьа, кIелхьара яккхахьа.
Цуьнан сатедан гIертахь цхьа гIам-гIим до ас. Тхо наха а тергалдо.
- ДIагIуо вайшиъ? – боху ас.
- Мича гIуо? – мохь бетта цуо. – Вайн даха меттиг бу? Я кхузахь а, я цигахь а! Шадерриг а дохийна, бомбанаш тоьхна. ЧIогIа йоьлхучуьра цIаьххьана саца а сецна:
- Дада, ас хIун до? Хьо генара некъ бина ма ву. Масийтта сохьтехь кеманахь. ГIелвелла. Ас хIинцца, -  едда «Администраци» аьлла яздинчу неIаре яхара иза. Сихха юха еара.
- Ас хIусамненан йоIе зIетуьйхира. Вайшиъ цу чохь Iарна хазахиеташ ю иза. ДIадоьду вайшиъ.
ХIусамнана еллачул тIаьхьа хийцамаш хаалора. Цициг а къанделла сагатдеш дара. ЧIерий набкхетча санна дара. Цу чуьра хьожа а кхин яра. Дукха чIогIа гIелваларна, диван тIехь Iаччохь набкхийтира суна. Сарахь самаваьлча, гIевлингахь гIайба а болуш, тIетесна юргIа а долуш, кухни  чуьра схьаетталуш нохчийн даарийн хьожа яра. Пхьор диинчул тIаьхьа, цунна жиммаъ гIоле хиларе сатуьйсуш, жимма рояль лакха элира ас.
- Лакхалур яц. Ца лаьа, - доккха са а даьккхина. – Сан хьехархо дийна елахьара. Ректор вевзаш яра и. Цуьнга зIе тухур яра цуо.
Цу буса аса кхин наб ца йира. Iуьйранна, сайн цхьаъ бен йоцу костюм тIе а юьйхина, галстук а йихкина, сайн орден некха тIе а оьллина аравелира со. Консерваторе дIакхаьчча, ректорна тIе муха кхочур вара техьа, бохуш сагатлора. ТIевуьтур вуй? … ша хирг хир ду, къамел дийр дара ас цуьнца. Хала хIума а ца хиллера. Кевнехь, со Шовдин да ву, тIекхача лууш аьлча, зIе а тоьхна, чуваийта аьлла, ректоран кабинет чу кхечира со. Кабинет аьлча, цхьа йоккха зал ю-кх. Массо а пенашца книгаш, суьрташ дара, рояль яра, масех доккха гIант дара. Кхоллараллин хьал дара цу чохь.
Цу кабинетца вогIуш, лекхачу дегIахь, гIеххьа ханъяьлла, оьзда стаг ву.
-  Хьан йоIе цкъа-шозза ладоьгIна ас – чIогIа дика яра. – Декане телефон а тоьхна, Шовдех дерг дийцира. Юха соьга жамI деш санна элира:
- ХIаъ. Цкъа делахь Нохчичохь долчу хьолах сайна хиетарг эр ду ас. Къемат де ду иза. Къера ву, массарна хьалхара къинтIера довлар доьху ас. Тхан политикаша а, инарлаша а Толстойн «Хьаьж-Мурд» ца ешна. Цара-м цхьа а хIума ешнехь а тамашбеш ву со. Церан дерриг а маьIна ахчанца доьзна ду. ШолгIа делахь, и дерриге а тидаме а эцна, комисси а кхоьллина, цхьа кIира даьлча кху сан кабинет чохь цуьнга юха экзамен йолуьйтур ю. КхозлагIа делахь, цуо и экзамен кхиамца дIалахь, маьхза доьшур а ду цуо, стипенди а хир ду цунна, юкъараIойлехь меттиг а, Москвахь регистраци а хир ю, - хьала а гIаьттина соьга куьг а кховдош, дерзийра цуо. – Соьга далун дерг и ду-кх.
- Доккха баркалла хьуна! – шина а куьйга цуьнан куьг къевлира ас. Со воккхавера. Чукхаччалц са ца туохалуш, приемни чуьра Шовдига зIетуьйхира ас. Шовда ца тиешара, ректора сайга аьлларг юх-юха элира ас, нохчийн маттахь а олуш. Цхьа сахьт даьлча, со и чохь йолчу квартиран неIаре кхаьчча, цу чуьра схьахезаш болу хаза мукъам хадо ца лууш, неIарера горгали ца бекош, вехха лаьттира со.
Оцу кIиранчохь суна чIогIа мехала болу дукха хиламаш нисбелира. Коьрта тидам ас Шовдина а, цуьнан хиндолчунна а тIехьажийнера. Оцу кIирана цкъа бен чуьра ара ца елира Шовда. Иза а диехар дина туькана йигира сайца. Балха тIехь алапа схьаделлера суна. Цул сов Шовда нехан хIуманаш а юьйхина лиелаш товш а дацара. Муьлхха а йоI санна, шена бедарш иэца аьтто баьлча, Шовда  йоккха йийр ю моьттура суна, шена цуо шортта хIуманаш оьцур ю аьлла а хиетара. Мелхо а, цунна коьртаниг мах бара. Еза хIуманаш йиезаш яцара и.
- Суна хаьа, ахь ахча Нохчичохь даьккхина.
- ХIара Кубехь бинчу балхана делла ма ду, - воьлу со.
- Кубехь хьо садоIуш вара. СадаIа делла ахча ду и. ТIаьхьа хIун хир ду а ца хаьа. Вайн цигахь тIом ма бу.
Иштта ойланаш яра цуьнан. Дахаро Iамийнера. Де-буьйса ца лоруш рояль тIехь Iара, лулахой реза а боцуш. И къар ца лора. Рояль тIе шен ненан а, хьехархочун а суьрташ а хIиттийна, цера тергонехь кечам беш яра и.
…Миска Шовда! Сан мел дог лозура. И кIира чекхдаллалц сагатдира. Цунна новкъа ца хилархьама, сайн гIуллакхашка а воьдура, со волчохь цуо йиш ца локху дела. Цхьа де дисча хаьттира ас:
- Со ван мегар дуй хьан экзамене?
- ХIаъ. Ненан меттана, - жимма ойла а йина боху цуо. – Ахь мах хадор бу. Реза ца хилахь Нохчичу дIагIур ду вайшиъ. Цигахь музыка а яц. Я оьшуш а яц.

7 май, буьйса
Шовда бакълуьйш яра. Цу хенахь Нохчичохь музыка яцара, я хила а ца тарлора. Яккхийчу тоьпийн татанаш дара хезаш дерш. ХIинца-м паргIато ю. Музыка а, оьзда йолу гIовгIанаш а хеза лаьмнашкахь. Лаха тогIи чохь йолчу  «ялсаманин» майданахь селхана эрна кечам бина ца хиллера. Со а кечвеллера. Цхьа лераме хьеший богIуш хилча, цигахь хIусамда санна ваша Гехон кIентан кIант а хила тарлора.
И хьеший Соьлжа-ГIалара хьалабогIуш хилча, делкъа хенахь бен кхочур бацара. Со иштта паргIат лиела йиш йолуш вац. Эскарехь дуьйна а хаьа суна, иччархочо шен меттиг хьалххе схьалаца йиеза. Дийнахь-бусий яъал юург а эцна охьахиира со. Дукха Iен дийзира. И тентакаш яха а ехна, буьйса юккъе яххалц Iийра гIовгIанаш еш, сакъоьруш. Ваша Гехон кIентан кIант гучу ца велира. ОьгIазвахнера  со. Уггаре а хьалха сайна оьгIазъоьхура со. И хаза де. Иштта денош кIезиг а дисна сан. Ткъа кIеззигчу лаамаша, биекхам бен бохуш, цхьа хIума нислур долуш санна кIелонехь масийтта сохьтехь Iийра. Иза а эрна, цкъачунна гIуллакх ца хуьлуш Iийра. ХIинца Iаржъелла, сайн иччархочун бен а ьитина аравала мегар ду. Амма ца валало, оьгIазло совъюьйлу соьгахь. Топ кхосса лууш вара со. Буьйсанна гойтуш болу гIирс а латийнера ас. ДIахьаьжча церан яхьаш юккъехь иза ца го суна. Тахана кхин хир вац иза. Хьанна тоьхна а цхьанна топ ца тухуш Iалуш вац со. Сайн оьгIазалла дIаяккха а, сайн тоьпан Iалашо муха гойтуш ю хаа а лаьа, суо мел иччархо ву хьажа а лаьа. Цхьаъ, шиъ Iалашо гучуели. Юькъачу коьллаш юккъехь оцу майданал жимма лахахь масех бIаьргаш лиепа. Берзалой чIогIа хIилла а, хьекъал а долуш ю. Царах йисначу даьIахкашна тиебар йолуш а яц. Схьахиетарехь чагIалкхаш хир ю уьш. Берзалошна а, чагIалкхашна а доькхуш ву со, аьтто баьлча. ХIинца иштта Iалашо гучуяьлча, иччархочун шовкъ еъна соьга – топ кхосса лаьа. Халла садетта ас.
И хьалабаьхкина Iовдалш бусий бен дIа ца бахара. Дийнахь ца лалора соьга и лоькхуьйту мукъамаш. Буса-м и воттанан тата а, церан цIийзар лан хала дара. Кхардаме аз лаьмнашкахула дIадоьдура. Я нохчийн а, я оьрсийн а маттахь а, йоцуш, ингалсан маттахь яра и гIовгIа. Я мотт а, я маьIна  а доцуш, цкьа цIийзарш, узарш, маьхьарий дара хезаш. Оцу шайтIанашна оьшург дара. Оцу гIовгIанехь йогучу цIарна гонаха хьийзара церан IиндагIаш. Сан лергаш кьординера, юха и гIовгIа дIа а яьлла, тапьяьлла тийналла  хIоьттира.  Царна гондахьа  хьийза и ситтина IиндагIаш лаьтташ дара.
- Схьаяийта! Музыка ло! – мохь хьаькхира цхьамма. И гIовгIа кIордийча санна дуьхьала угIура чагIалкхаш. И угIар тоьъначух тера дара оцу тобанна. Кхиера чIогIа беллера, цIе дIаяйъа ца кхуьуш къайлабевлира уьш. Юучуьн хьожа кхетча карзахйолу чагIалкх. Царех уггаре а меца, къардайнаерг Iинал охьа а яьлла, юург карийна охьа а хиъна даьIахк йожуш яра. Иччархочун шовкъ гIаьттира соьгахь юха а. Дерриг а дицдина, леррина хьажийна, оцу кхоссар дозуш сан дахар а, дахаран маьIна а долуш санна, напха айса цунах дийр долуш санна… сацавелла, лаг озийра ас. Кхийтира. Ма-хьежжора ца кхеттехь, экха цIийзаш кхийсалора. Ас кхин цкъа а туьйхира. КхозлагIа тоьхчий бен ца елира иза. Со дог доьхна вара. Я лаха чохь чехка мох бу-техьа. Я гIовгIа йойург бехке ю-техьа. Бехке ю. Таллархочунна шен тоьпан тата хаза лаьа. Схьахьовзийра ас иза. Юха топ хьажийра. Берзалой хиллехь, тоххарехь евдда хир яра. Ткъа чагIалкхаш, мелхо а цхьаъ дIаяьлча, шайна алссам юург хир ю аьлла гучуйовлу. Кхин шиъ а го суна. Онданиг Iалашоне лоцу ас. ХIинца леррина хьажайой тухий, йожайо. Тоьпан татанна дуьхьала диека, кхардаме аз Iин чухула дIасадаьржа. Со а меттавалийра цуо. Сайн дагахь бехказвуьйлу со, чагIалкх а йийра, сайн бIаьрг а, куьг а муха ду а хиира. ХIокху хенахь со ларвеш кхузахь мила хилла хир ву. Тоьпан тата хезнехь а, со ган йиш яц. Кхин цхьаъ цигахь хиллехь, суна хаалур вара сайн гIирсаца.
Амма сайна бала-м бина ас. Елла чагIалкхаш а, цIийш а дIадаха диеза. Иза соьга сахилчий бен далур дац. Топ а ю цIанъян йиезаш. Цундела иза а хьош, хьаьвзинчу новкъа сайн лаппагIане хьала воьду со, дукха хьагваларна, нийсачу новкъа волу. ДIакхоччуш, цхьаъ туосаделира суна. ЖIаьла хилча дика дара, аьлла дага а тесира. Хьалхалерниг берзалоша дийнера сан. ДIасахьаьжча гуш хIума дацара. Тийналла. Эццахь гIалатвелира со. Сайн кира и топ а цхьаьна неIарехь охьа а кхоьссина сайн шовда долчу вахара со. Хьогалла йойъуш хи меллачул тIаьхьа, корта а, ворта а, куьйгаш а дуьлуш тIе хи Iенийра, сайн гIелвалар а, сайна гина боьхалла а дIаяккха гIерташ.
ХIетахь дагатесира суна, ма дика ду-кх цу хьалабаьхкинчарна юккъехь сан кIентий ца хилла. Оцу сакъийринчара сайна дина вуон дацахь а, суна ца тайра и. Иштта ца кхиънера тхан чкъор, я тIекхуьу чкъор а иштта хуьлийла а ца лаьара. Со харц хила а тарло. Нигилизм бохучух, баккхийчара бохург къобал ца дар, со кхиеташ вацара цкъа а. Муха къобал вийр вацара ас ваша Гехо а, Зеба а? Иштта кхиийнера тхо. Ткъа хIинца? Сайх ца вешаш цхьаъ сайга хьоьжуш санна хиетало.
Кхузахь цхьа хийра  стаг вуйла хаало суна. Лахахь гуш сан лаппагIа ю. Цунна юххехь кхин цхьа IиндагIа хаало. Сайн топ дага а еъна чухьоду со. Кхиерам сан дагчуьра дIабаьлла дикка хан ю. Сайн тоьпана, биекхам герзана сагатдо ас. И муха хилийти ас? Хьенан карахь ду сан герз? И суна хIинца къаьсташ ву, цунах схьаетталучу томканан хьожанах вевза суна тхешан меттигера милцо. – Э-э-э, аьлла, гIергIаш чугIурту со, сайна тIехьажийна топ елахь а.
- Саца! ТIе ма вуола! – боху цуо.
Ас мелхо а буолар сихдира. Тухур йоцийла хаьа суна. Туохахь а бен хиеташ вацара со. Шина а куьйга биргIа а лаьцна схьаозийра ас топ. Жимма дуьхьало а йина схьахийцира. Юха сан пхьарс а къевлина боху:
- Хьо-м хIинца а онда ву.
Буьйса елахь а, кху хотехь чIогIа вистхила ца ваьхьа иза.
- ХIара топ хьан кIантехь яра. Юха къайлаелира. Дика хIума ю. Ахь хIара кхуьйсийла а хаьа суна.
Юьстах а ваьлла, жимма Iийнаа, юха а веъна боху:
- ХIаъ. Хьан кIентан дуьхьа, тIаьххьара а могуьйту ас хьуна. Кхетий хьо?
- ХIа-хIа, - гIам-гIим до ас, чувола аьлла, къамел ду боху кеп а хIоттош.
Кхоьру. Сох ца кхоьру. Соьца ша хилар нахала даларна кхоьру. Ас чIогIа доьху. Дуьхьал волу. ТIаккха ас топ тIехьажайо. Резавоцуш гIам-гIим а дой, чоьхьаволу.
- Стогар ма латабелахь, - доьху цо, маьнги тIе охьа а хууш.
Тхойшиъ дуьххьара къамел деш вацахь а аланза диснарг ду. И тхойшинне а хууш ду. ХIетте а къамелах къехкаш ву иза. ХIинца а дIаваха йиш елахь а, цхьаъ ала дагахь сецна иза. Ас фонарь латайо. КIезиг ю. Мехкдаьттан стогар латабо. Сайн блокнот схьа а оьций, хьалхара хаттар яздо ас:
- Хьан вийна сан кIант?
- Ахь бIозза хаьттина-кх соьга. Ца хаьа.
- Хьанах шек ву хьо?
- Сан а, хьан а шеконаш хьесапе яц. Хьайн хатта хIума делахь, хатта.
- Ду. И хьуна хаа а хаьа.
- ХIан? – аз ойъу цуо.
- Сан кIант дагавогIий хьуна? Иза лорий ахь? – цуо корта таIийра.
- Цуьнан дуьхьа ала, и кассета  хьан еъна со волчу?
Ойла а йина гIийла элира цуо:
- Ас дош делла и эр дац, аьлла.
- Ахь еъна. Кхин ян стаг вацара. Айхьа ца еънехь, хьан еъна хаьий хьуна?
- Суний?
Со велало. ТIаккха яздо ас.
- Хьо меттигера милцо (участкови) вац?
- Хьайна луъург хиета, - хьала гIотту иза. – Хьан йоIа ахчанца талхийна хьо. Хийла сонталла йогIу хьан коьрта чу.
- ХIун сонталла? – цецволу со.
- Хьан дерриге а дахар хIинца дельтаплан ю. Ткъа хIара, - сан герз гойту. – Хьо ларвеш ву со. Цкъачунна. Амма иза деха лаьттар дац. Соьга ларлур а вац хьо даима а.
- ХIунда ларвеш ву ахь со?
- Кхин ларвийр вац. И хьоьга дIахьиедан веъна со.
- Гина  суна.    Дика   цIенош   а   дина  ахь  сихха.   Меттигерчу  милцочун мел алапа ду?
Цуьнан юьхь йишмаIашка яхара.
- Сайга далург хьуна дина ас, - аравала гIоьртира иза. Ас пхьарс а лаьцна юха а озийна айса яздинарг дешийтира цуьнга:
- Кассете хьажа лаьий хьуна?
- Ца лаь. КIезиг а хаахь, дука вехар ву, - араволучохь тIаьхьа а кхиъна сацийра ас иза. Яздан атта цахиларна халла къаьстар долуш ала гIерташ, логах пIелг а хьоькху ас, сан кIант къиза вийна хилар хоуьйтуш. Ткъа хьо юьртахо а, накъост а вара, хIумма а ца хууш ваха лууш ву.
Со юха а теттина, неIсагIел дехьа волуш, тоьпана тIе пIелг а хьажош боху цуо: - ТIаьххьара боху хьоьга. Кхин суна и ган а ма гайта, хаза а ма хазийта. Хаалахь, ас хьоьга дIахьедина хьуна.
Цунна тIаьххье аравелира со. Лаьмнаш тIехула бутт хьалабаьлла, жимма серлаяьллера. Цкъа хьалха сан накхарш долчухьа вахара иза. Цигахь шегара раци а, телефон а йитина хила мегара цуо. Юха чехкка басах чу вахара. ЛадоьгIуш лаьттачу суна хезира геннахь машенан гIовгIа. Иштта, чIогIа ларлуш, соьца йолу шен юкъаметтиг лиело а ца ваьхьа. Вукху агIора суна гIо а до. Цунах кхиета хала ду. ШолгIаниг, цуо ахчанна дуьхьа лиеладахь и ахча лушъерг Шовда ю.
Цо лойла а хаьа суна. ХIунда ло. Шовдина соьгахь топ юьйла ма ца хаьа, сан дагахь хIун ду а ца  хаьа. Хаьий техьа? Мухха делахь а коьртниг ахча ду-кх. И ду-кх таханлерчу дахаран маIна.
Цу буса суна юха а ваша Гехо дагавеара. Ахчан дуьхьа воьссира иза цIерпошта тIера охьа, шена  берийн цIийнахь цхьа жима нохчийн кIант ву аьлла хезча. Ша а ма вара иза массо а цIераваьккхина нохчо санна кьиен миска, шен боккха доьзал халла хене боккхуш воллуш. Зебин масал? Уьш дар-кх адамаш, кьонахий. ХIинца? Ас а, сан чкьуро а гIалат далийтина техьа?
Кху махкахь хилла тIемаш бахьана ду-техьа? ТIамо адамийн кхиетамехь баккхий хийцамаш бо. Делахь а, ваша Гехос дийцарехь, цхьана хенахь Шемал кхузахь кхузахь имам хIоттар, нохчаша шаьш массо а цхьабосса бакъо йолуш ларар а, шайна юккъера баьчча харжа барт ца хилар а дара.
ХIетте а иттаннаш шерашкахь паччахьан эскаршца тIом бинера нохчаша, гIаплой хила ца лууш. Оццу маьIнехь дара Зебас вайн къам I944 шарахь махках  даккхар а, Советийн гIаплолла ца лалуш, дуьхьала йина хилла тарлора нохчаша. Цунах лаьцна бакъболу мах хадийнера А.Солженицына а.
Со а жима вац. ХIара тIаьххьара ши тIом а, нохчийн Iер-дахар а, церан Iадаташ а, гIиллакхаш а кечдан Iалашо йолуш, къийделла, холчухIоьттина къам марса а даьккхина долийна уггаре а атта а, дорах а гIуллакх дара.
Тхан меттигера милцо хьахийча, иза схьа а лаьцна, чу а воьллина, шайн лааме а верзийна, арахецна. Ца хилча хоьцур а вацара. ХIинца цуьнан ков-керт, бераш, зуда Iалашбаран гIайгIа ю. Адамна цул сов кхин хIун оьшу?
Ахча хилчахьана кхин хIуммаъ ца оьшу-кх. Шен ма-хуьллу и ахча доккхуш ву иза. Шовдигара а оьцу. Амма Шовдас лучу ахчанах ламчохь еттинчу кибарчигийн цIенош далур дац. Участковина лучу алапех а далур дац. Делахь хIета боьха а, цIена а ца лоруш, хьарам ахча даккха некъаш хир ду-кх. ТIеман заманчохь хьарам-хьанал ца дуьйцу. Дийна а висна, вахар ду коьртаниг. Ахчанах бен ца хуьлу и. Коьртаниг ахча ду.
Ахчанан а, шена хила тарлучу харжийн а ойлаеш хиллехьара, ваша Гехо цIечу гIамаршна юккъехь цIерпошта тIера охьавуссур варий? И охьа ца воьссинехьара сох хIун хилла хир дара? Ткъа со тахана сайн топ цуьнан кIентан кIантана тIехьажо а, лаг озийна и вийна сайн дог Iабо гIерташ ву. Къемат!
Оцу ойланаша тентакваьккхина чIогIа корта лозу сан. Цу буса сайн хезна и боьха мукъамаш сан лерера дIа ца бовлу. Карзах даьлла деттало дог, масса а пха бусабелла эккхаш боллу корта. Вотанан гIовгIа ю лерехь. Сатиеден молха мелча а гIоли ца хуьлу. Наб ца кхиеташ, хьала а гIаьттина сайн шовда долчу воьду со. Корта а, ворта а яшийча а дIа ца йолура лерера и сийсарлера гIовгIа.
ТIаккха дагатесира суна, сайна вуон хилча, магнитофон а латайой, Шовдин эшаршка ладоьгIу ас даима а. ЛадугIургаш лерга а йоьхкина, магнитофон латийра ас. И йиш суна хазанза дикка хан яьллера (дагалецамаш лазаме хуьлу дела), дуьхьара хезча а, хIинца а сан сингаттам лагIбира цуо, дагна хьаам беш. Сох лаьцна, суна лерина «Стигал» аьлла ю Шовдин и йиш.
11 май, буьйса
ТIаьххьарлера денош тамашийна дара. Йохъелла зазадаьккхинера. Олхазарша эшарш лоькхура.  Тахана стиглахь марха яц. Сан накхармозий шайн болх бан дуьйладелла. Уьш чIогIа низам а, хьекъал а долуш, къахьоьгуш ду. Царна юккъехь девнаш а, тIемаш а хуьлий-техьа? Дера хуьлу. ХIора вен юккъехь къовламе къиеп ю: вен коьртехь нана ю. Массо а накхармозий и Iалашъеш, цуьнан тергоеш хуьлу. Нагахь санна и нана лахь, наггахь нислуш ду иза, я тIома яьлла дIагIахь и вой хIаллакьхуьлу. Нана оьшу куьйгалла дан а, хьалхаяла а.
Керла нана кхио зирх тосу оцу накхармозаша. ТIаккха гучуйолу къона а, онда а йолу керла нана. ХIора бIаьста хуьлуш ду иза. Къеначу нанний, къоначунний юккъехь къовсам болу. Накхармозий карзахдуьйлуш вой гIотту. Дукхах болчара керла нана къобалйой тIеоьцу. Адамашца дуьстича иза ямартло ю, шайн нана дIатасар.  Амма кхиаран хьесапехь, керла цIий, керла ницкъ а, къоналла а даима онда хуьлу.
Цул тIаьхьа шира нана, ша къобалъеш йолу жима тоба шена тIаьхьа а  йоккхий ша эшна хиларе терра оцу накхарна чуьра дIайоьду. Йоду. И а мел сингаттаме делахь, кхиаран, дебаран некъ бу. И хиндерг ду. Цуьнца ду маьIна. Шен хеннахь и жима вой схьа ца лацахь, дукха  хьолехь  хIаллакьхуьлу.
Цундела оцу ненан болх чIогIа мехала бу. Накхарш лелочара хаьржина наной оьшу. Iилма хьалха дIадахна. ХIинца лабораторешкахь кхиош ю и наной. Моз алсам хилийтархьама до иза. Пайда дукха хилийта. Сан зеделларг кIезиг ду. Я со дохкархьама моз гулдеш а вац.  ХIетте со ишттачу зерашна дуьхьал ву. Церан тIаьхьие муха хир ю хууш а дац.
Ишшта чуеанчу ненаца накхармозий зийна ца Iаш, адамашна а, халкъана а тIехь дIахьош ду и зиераш. Къевлинчу вагон чохь Россе валийнера керла баьчча Ленин.
Нохчичохь и тайпа зиераш кIоршаме а, хам а боцуш дIахьора даима. Суна дага а догIуш и баьччанаш, аьлча, КПСС-н обкоман хьалхара секретараш пхи-ялх ваийтира кхечанхьара схьа. Якутера а, Архангельскера а, Таймырера а. И тайпа наной, тI****ийна баьччанаш бахьанехь ерриге а пачхьалкхе моз доккхучуьра сецча, накхармозий санна вой дала долийча, «перестройка» аьлла цIе тиллира оцу буоламна.
ТIаккха а ца сацийра и кхечанхьара баьччанаш схьабалор. Схьавалош верг нохчо велахь а, кхузахь Iийна а, кхиъна а боцуш. Уьш-м вайн халкъана дика болх бан лууш хила а мегара. Делахь а, В.Черномырдина ма-аллара: «Диканиг хилийта лаьара, даима санна нисло-кх». Я кхачацалун тIемаш, я махкахдахар а, юха цхьаъ, шиъ тIом. 2000 шо ду.
…ЦIаьххьана, тахана санна дагадогIу суна и 8-чу июнан башха суьйре. Телевиденехула хаам бо – Нохчийн Республикин керла куьйгалхо хIоттийна. Дуьххьара ала мегар долуш шайн нохчо ву хIоттийнарг. Нохчийчохь хьалакхиъна. Майра а, дешна а стаг ву. Нохчийн гIиллакхаш девзаш, халкъ девзаш и галдолуьйтур доцуш ву.
Юххера ца вовзахь а и суна вевза дикка хан ю. И республикан муфти волуш а цхьацца кхиеташонашкахь гуора тхойшиъ. Со хилла ца Iаш, массо а нохчий баккхийбеш бара. Вовшашка зIеетташ а, къамелашкахь а дуьйцург и дара.
Кхана Москварчу «Президент-отелехь» керла куьйгалхо вовзуьйтуш, Москвахь Iашболчу нохчашца цхьаьнакхиетар хир ду, аьлла хаам хилира. Соьга цига кхойкхуш цхьа вацахь а, хьалхе цига а вахна, сайн сагатдеш, кIант вийна хила йиш яц-кх, аьлла хиеташ.  Керлачу куьйгалхочо сайга бохуш санна хиетара суна шен къамелехь бохург.
Цуо чIагIдора, цхьацца бахьанаш долуш, хьуьнчохь а, лаьмнашкахь лиелаш  дуккха а кегийрхой бу вайн. Царех къахиета. Уьш кIелхьара а бохуш, маьршачу дахарна юкъауозо биеза.
Ницкъ болчунна хьалхахь гIорасизниг бехке хуьлу бохург а, ас даггара къобалдора. Со санна даима Нохчичохь Iийна вара иза. Ийза а ца луш дуьйцура цуо федеральни эскарша Нохчичохь дечу зуламех. И гIуллакх хийца диезаш ду, ша и хуьйцур а ду, бохура цуо. Сан лозучу дагна дарбане дара и дешнаш.
Коьрта къамелаш чекхдевлча, адамашна юккъехула цунна улло кхечира со. Цунна со вевзира, ас сайн бала балхийча, кIантах дерг а дийцича, жимма ойла а йина: - Собардел. Цунах лаьцна суна хезна хьуна. Дика кIентий…
- ХIаъ, хIаъ, - сихвелира со. – Иза човхилла Гуьржехахь дарба лиелош ву боху. Цунна гIо дан а, и кIелхьараваккха а аьтто  хир барий-те?
- КIелхьара баха биеза и кIентий, маьршачу дахарна юкъабало биеза.
Кхин тхойшинга къамел ца дойтуш, журналисташа, муьлш бу ца хуучу кхечара со теттина юьстах ваьккхира. Цунна гонаха йоккха тоба яра. Тарх санна лаьттара иза царна юккъехь. Оьрсийн мотт цIена а, шера а буьйцура.
Адамашца тIом а ца беш, къамел дан диеза, бохура цуо. Машаре кхойкхура иза, цуьнан массо дош а сан дагах хьакхалуш, дагна тамбеш дара.
ТIаьххьара тIемалойх лаьцна шега хаьттича цуо элира:
- Даррехь зуламхой-террористаш а бу царна юккъехь. Уьш бевзаш а бу, цаьрца тIом бан а биеза. Амма  дукхах берш, цхьацца бахьаница хьуьн чу а бахана. Цаьрца къамел деш, бертабалош, вешан агIора схьаозо беза уьш. – Эццахь цхьаъ дагадеъча санна, хьала а таьIна, соьга а хьоьжуш, нохчийн маттахь элира цуо. – Яхь йолуш кIентий бара уьш. Дала декъал бойла!
Цул тIаьхьа иза а, цунна гонаха хилла тоба а цу чуьра араелира. Ойланашка вахна, вехха лаьттира со, сайга аравала аллалц. Набарха санна халла воьдура со. Цхьана агIора, оцу кегийрхошца долчу хьолан иштта мах хадор  хазахоьтуьйтуш дара. Сан кIантах дерг цуо яханчу хенахь санна аларх, сайн кIант дийна вац бохучух тиеша ца лаьара. Соьгара и бала дIаоьцуш, соьца боькъуш юххехь цхьа гергарниг хиларе сатуьйсу ас. И дендерг Шовда бен яцара. И сайна юххе нисъяларх кхоьру со. Мелхо а оцу ойланех и дIакъасто лууш ву со. Сатедина, шен экзамен дIаяла кечъяла диеза цуьнан.
Цундела и йолчу ца воьдуш, Кубехь айса бинчу балхах жамI дан коьртачу урхалле вахара со. Цига неIарехь тхешан цхьанакхиетараллин кхерамазаллин гIуллакхан хьаькам гира. Ша нохчо хиларе терра соьга кадам бира цуо.
- ХIан? Ахь хIун боху? – кхин хIуммаъ ца алалуш висира со. Пенах дIа а гIоьртина, когашкара са дIадаьлча санна малвеллера со. Легашка шад хIоьттинера, са а ца даIалуш. Соьгарчу хьолах кхетта, со схьалецира накъосто:
- Хьуна ца хаара? Ас динарг, хьажахь?!
- Хи, - халла элира ас.
Миччара деънехь а, сихха хин шиша деара цуо. Юха цхьана кафе чу а вигна, сан сатиедан гIертара иза, цуьнга ладугIуш а воцчу суна цхьа ткъес тоьхча санна хиеташ боху цуо:
- Вайшинге хьоьжуш нах бу. Хьуна хууш ма ду, хьалхара тIом болуш, федералаша дIавигна сан кIант хIинца а каронза вуйла. Вай нохчий ма ду. Сатуоха.
Суна эццахь юха а Зеба дагавеара. Жимма метта а веъна, хоьтту ас:
- Хьуна муха хиъна?
- Лерринчу гIуллакхийн зIенашкахула баьржира и хаам.
- Дукха хан юй?
- Ши бутт сов хьалха. Хьо хIетахь Кубехь вара.
- Мичахь, муха?
- Балггал ца хаьа. Цига, шун агIора. Хул-хула хин йистошкахь. Цигахь ца кхиеташ дукха хIума ду. Кху дерригенах кхиета а дац  атта-м.
Со дикане сатуьйсуш ву:
- Билггал и вуйла хууш дуй?
- Ца хаьа суна, - сан сатиедан гIерта иза. – Кху къематехь долчух мила кхиетар ву? Со воцург цхьа а кхиетар вац, я кхиета хьожур вац.
- Хьо цIа маца воьду? – хоьтту ас, цуьнан лерринчу кеманца дIаваха бакъо юйла хууш.
- Тховса сарахь. Керла куьйгалхо а цу кеманца дIавогIуш ву.
- Со ван йиш юй шуьца? ЧIогIа оьшу.
- Делахь, аэропорте доьлху вай. Документаш хьайгахь дуй?
ХIинца Шовдига хIун эр ду? Телефонехула аьшпаш ботта атта ду, балха тIе кхойкху аьлла. Ша а ца гуш вахча, цунна дага хIун догIур ду а ца хаьа. Иза-м дерригенах а кхеттачух тера ду, сан озе ладоьгIча.
- Дукха Iийр вуй хьо цигахь?
- Ши де а даьккхина, экзамен йолаялале юха вогIур ву.
- Ларлуш хилалахь…
Кема доьттина дара. Массо а ойлане бу, тхаьш мича доьлху хаьа. ТIом!.. Со а гIелвелла, цхьадика сихха набкхийтира суна.
ХIара июнан денош чIогIа деха хуьлу. Тхо Мазлакхехь охьадиссича, сирла яра. Цигара сихха Соьлжа-ГIала кхечира тхо. Кхана Iуьйранна тхан гIароллин хьаькамо сайга еллачу «уазик» тIехь сайн юьрта ваха новкъавелира со.  «Хьайца сан кIентий бигахь, - элира цуо.
- Ца оьшу. Суо хилча синтеме ду суна. – Сан сайн гIиллакх а ду, нах хьийзо а ца лаьа.
- Хьайна дика хуур ду хьуна. Блок-посташкахь федералаша хьоьга хIума эр дац хьуна. Кху машенан номерш ша-тайпана, чекистийн лоруш ю. ТIемалой бу бохучара а хIума дийр дац. Уьш цхьана «тхов» кIелахь бу. Ша могIарерчу зуламхошна тIе ца нислахь. Уьш а берриг а бохург санна хIаллакбина.
- Сан кIант санна…
Жимма Iийна, къамел хуьйцу цуо.
- Герз дуй хьоьгахь?
- Дац.
- Бакъ дац. Оьшуш дац. Ахь ма-аллара, фонарик а, юург а машен чохь ю хьуна. Некъан кехат а ду. Дала аьтто бойла хьан!
Тхешан юьрта хьалаваха лууш вара со. Цигахь сан кIантах дерг хууш цхьаъ хила тарлора. Амма Веданара ара ваьлча лам чу боьду некъ боьхкуш дIахIоттийна йоккха блок- пост яра. Кхин лакхахьа Iаш цхьа а вац. Массо а юрт йохийна. Бахархой бац. Хорачахь Iаш иттех баккхий нах бу. Цига а хьалавахар дихкина. Ас бина  некъ эрна хилира. Сайн кабинет яьсса лаьтташ юйла хиира. Соьца и болх къуьйсуш цхьа а вацара. Сан а кхин дан хIума дацара. Цхьана кIиранна Москва а вахана схьавогIу аьлча, командировке хьажийра со. Сайн дош кхочушдеш, ши де далале йоI йолчохь вара со.
Дуьххьара цо аьлларг:
- Дада, хьо ма чIогIа Iаржвелла.
- Кубехь малхо веттина со.
- Кубера цIавеъча  хьо жимма цIийвеллера, иза а сихха дIаделира. ХIара хьан  декъазчу   юьхь    тIехь ерг Нохчичохь болчу тIеман кхагар ю. – Жимма Iийна хоьтту, - Некъ бина меца хир ву хьо. ХIума хIунда ца юу ахь?
- Йиъна ас, кхин ца йиеза. – Яа дог дацара сан. Цунна хьалха сайн бIаьргех хи даларна кхоьрура. Цуьнан елха йиш ма яц. Экзамен ю тIекхочуш. Ткъа суна Iоттар йира.
- Москва бIаьрхих ца теша,- аьлла.
- ХIаъ, - боху ас. Хьо диеша дIахIотта йиеза. Хьайн ненан дуьхьа. Жимахверг а вара цуьнга сатуьйсуш.
Эццахь аз хийцаделира сан, бIаьрхиш а кхин ца сецалора соьга. Елха а йоьлхуш дехьа чу хьаьдира иза. Со ванни чу а вахана, сайн велхар цунна ца хазийта гIерташ, хи охьа  хийцира ас. Масех сахьт даьлча, буьйсанна, цуьнан неI туьйхира ас:
- Шовда, хIума яа вайшимма, - йист а ца хилира иза. ТIаккха ас элира. – Экзамен ма ю хьан дIаяла йиезаш.
Жимма Iийна, сехьа чуелира иза. Къовламе, сатединчу санна елахь а, бIаьргаш цIийделла дара. Цунах чIогIа къахиетара суна. ХIун дан диеза ца хаьара. Иза шен рояль юххе охьахиира, йишхаьллачу озаца боху:
- Йиш лакхалур юй-техьа… ТIаккха со а Соьлжа-ГIалахь Iийр ю хьан белхан кабинет чохь.
Кхин а ши де дисна, аз метта хIуттур ду, бохуш цуьнан сатиедан гIерта со. Ткъа цуо чIогIа къовламе боху:
- Дада, хIинццалц и хьахо эхь хиетара суна. Руслана ша язйина байташ йоуьйтура суна. Царах цхьаъ «Стигал» аьлла хьуна лерина язйина ю. Ас оцу  дешнашна, - эццахь елха озийра, юха къурд а бина, бохура. – Мукъам баьккхина. ЛадогIий, мах хадабехьа.
…Хьо экзамен дIалуш йолчуьн да вуй? – хоьтту соьга цхьана къанъеллачу зудчо. – ЛадогIа бакъо елла хьуна. Чоьхьа вала, - сонехь лаьтта гIант гойтура цуо суна. Ректоран кабинет чохь хилча и экзамен, мелла кIеда хир ю моьттура суна. Мелхо а, массо а вулавелла ву, леррина, хила ма-деззара дIахьош ду шадерриг а. ВорхI стагах хIоттийна комисси ю. Массо а ханъяьлла нах бу. Уьш чIогIа леррина мах хадо дагахь а бу.
- Цхьа озабиезам хила йиш яц, - боху цхьана  таьхьсачу  хьиехархочо. Муьлххачу а коллективехь санна, кхузахь  шайн къийсамаш а, галморзахаллаш юйла гучудолу суна. Сан йоIана гIо дан  гIертачу ректорна а дуьхьалонаш хаало. Ас кхин а чIогIа сагатдо. Шовда Iаьржа духар доьхна а, бос баьхьна а ю. Лазаме ду суна и иштта йолуш. ТIаьххьара а гучувелира ректор. Со хьалагIаьттира. Шовда а шен роялна юххехь лаьтташ яра. Важаберш меттах а ца хьайра. Церан гIиллакхехь иштта догIуш хила а мега. Шайн оьздангалла ю-кх.
Билгалйинчу хенахь дIайолаелира экзамен. Цкъа хьалха комиссин секретарь йолчо дIадийшира  экзамен шолгIа дIаяларан хьокъехь долу ректоран омра. Эццахь хьалаиккхира и таьхьса профессор.
- Со кхиеташ вац ректоро лелочух! Вайн къовламе бакъонаш ю экзамен шолгIа дIаяларан хьокъехь. И омра хиларан бахьана стенца доьзна ду?
- ЙоьIан дас дина дIахьедар, боху секретаро.
-  Муьлххачу а шиъ даьккхинчуьнан де-ненан иштта дIахьедар уьттаза яздан йиш ю. Ткъа сан пачхьалкхе а, оцу Нохчичоьнца тIом беш йолу, со а сайн хан а, ахча а Россехь Iен ца луучарна гIуллакх деш, харж ян диезаш ду! – куьйгаш а лестош, цIогIа детташ ву иза. – Цул сов, цхьа кехат а дац. Иштта-м ерриге а Нохчичоь кхуза схьаяло мегар ду вай.
- Хьо аьлла веларий? – боху ректора. – Оха тIеоьцуш берш хьакъберш бу. Цундела экзамен а ю. Мила, хьаьнца тIом беш ву бохург, вайн гIуллакх дац. Иза вуон гIуллакх ду. Ткъа вай  дика дан лууш и дан диезаш а ду.
Важа къарлуш вацара! Юха а цхьаъ ала и гIоьртича, ректора хадийра:
- Эдуард Константинович! ХIинца экзамен хир ю. Ахь хадийна мах а тидамехь хир бу. ДIайолало хьо!
Со сабIарзделла иэгош вара, Шовдига дIахьажа а ца ваьхьаш. Жимма доьхначу озаца кхайкхадо цуо:
- Клод Дебюсси «Нана».
Сан кхиетамехь а, дегIехь а цхьа хийцам хилира. Со а воцуш, цуьнан нана яра кху чохь хила йиезаш. Суна вуон хилира. Легашка юха а шад хIоьттира. Хи эца хIунда вицвеллера? Айса цунна новкъарло ярна кхоьрура со. Аравала аьтто бацара. Массо а гIаттош аравала диезар дара. ТIаьхьуо оцу мукъамо суо Iехош хилар хааделира суна.
Суна хиетара сайна юххехь Iаш цуьнан  нана йолуш санна. ТIараш туоха хьала эккхаза велира со. Чохь тийналла яра. Хьала а гIоттий Шовдас кхайкхадо:
- Клод Дебюсси «БIаьрхийн мукъам». ХIара мукъам суна хийлаза хезна бара. Цуо и чIогIа дика локхуш санна а хиетара суна. Амма чохь тийналла яра. Ректора элира:
- Мукъамаш-м гIийла ду.
- Клод Дебюсси, - юха а боху Шовдас. – «Аьхналла» (Ховхалла).
И мукъам гуттар а чIогIа хаза бара. Цу чуьра хьал а кIеда-мерза дара.
- Браво! – аьлла тIараш туьйхира ректора. Массара а бохург санна тIараш туьйхира. Ткъа таьхьса* профессор хьалаиккхира:
- Шадерг а дика ду, Iамийна, лекхна. Амма и йоI оперин йишлакхархо а, хьиехархо а боху говзалла Iамо дагахь ю. Шега йиш лакха аларна, кхоьруш яра  Шовда.    Йишхаьлла   а йолуш хала хир ду цунна. Ткъа и кIунзал берг шениг бохуш ву:
- Цуьнан йишлакхаран похIма коьртаниг ду.
- Дера ду, - резахуьлу ректор. – Шовда, хьомениг, ахь цхьа дика йиш ма лекхира.
- ХIан-хIан, кечдинарг ца оьшу. Iамо езачарах хила еза. Римский-Корсаковн «Паччахьан нускал» опери юккъера Любашин йиш лакхийта. - Резабоцуш гIовгIа йора чуьрчара.
- Диплом схьаоьцуш а лакха хала ю иза-м, - боху цхьана хьиехархочо. – Диеша дIахIуттуш муха локхуьйтур  ю? Консерватори чекхйоккхуш ма яц иза, диеша дIахIуттуш ю.
- Хаьа суна, - цIевза профессор. – Амма вайн лараме абитуриентка, вайн музучилище чекхйоккхуш а, консерваторе диеша йогIуш а ю. Ткъа хIара милла а чекхвуьйлу  уьйтIе  яц.
- Диешаран программехь ю и йиш? Массаьрга а хоьтту ас.
- Ю, - боху массара а.
- Делахь-хIета, - куьйгаш дIасадохуьйту цуо.
- ТIаьхьара   локхуш мукъам ца хилча, - боху ректора. – Кху чу оркестр тарлур ма яц.
- Зал чохь а ца еш, хIара экзамен кху чохь хIоттийнарг хьо ву. Мукъам боцуш а дIалакхийта. ХIун башхалла ю. Ша шена тIаьхьа мукъам бало хууш хила йиеза иза. Ноташ-м хир ду кху чохь.
- Кху чохь ноташ дац, - зудчуьн аз.
- ДIалакхийта, - шениг дуьйцу кIунзалболчо. – Со комиссин декъашхо хиларе терра и дайта бакъо ю сан. Юй? – хоьтту цо ректоре.
- Ю дера. Лакхийта, - массо а Шовдега хьовсу.
Иза лаьтташ ю. Йиш дIакхайкхийна. Жимма йовхарш туьйхи, йолалушшехь аз хеди. Цхьана ханъяллачу зудчо стаки чохь хи кховдадо цуьнга. Масех къурд а бой, стака стоьл тIе охьахIоттадо Шовдас.
ШолгIа лакха йолаелча, хьалхара байт чекхйолучохь аз айъа диезачохь юха а хедира. Гурахь мажделла гIа санна, хебна, когаштIехь а ца латталуш, охьа хиира иза. Цуьнан букъ иэгорехь хаалора иза йоьлхуш хилар.
КIунзал болу профессор воккхавевеш хьалаиккхира:
- Гой шуна! Нохчичохь иштта музыка оьшуш ца хиларан билгало ю-кх.
Со хьала а иккхина, дукха оьгIазвахарна цхьаъ дан кийча вара. Сол хьалха а яьлла, Шовда неIарехьа хьаьдира. Иза сацийра лекхачу дегIахь а йолуш, дикка ханъяьлла, оза елахь а, могашалла йолуш йолчу цхьана зудчо, нуьцкъаша юха а йигна рояльна юххе охьахаийра Шовда. Массаьрга а хьоьжуш, соцунгIа а хилла элира цуо:
- Накъостий, шуна ма-хаъара хIара йоI ас куьйгалла дечу курсехь доьшуш ю. Сан а, сан хьехархочун болх а бу аш тахана мах хадош берг. Цундела, сайн бакъо ю аьлла хиета суна, кху чохь хIитточу цхьадолчу хаттаршна жоп дала.
Шовдин белша тIе куьг а дуьллуш, кхин дIа а бохура цуо:
- Кхузахь элира, Дебюсси цхьайолу хIуманаш дагахь Iамийна аьлла. Ткъа суна дагадеара, Дебюссис аьлларг: «Дешнийн ницкъ кхачийча, дIаболало мукъам». Нохчийчохь иштта мукъамаш оьшуш бу, ала гIерта со. Уьш Iамо биеза. Кеманаш а,   танкаш   а  ца    хьиежош, цига оркестраш а, оперийн тобанаш а хьиежо йиезара.
- Балет яхийтича?
- Эшахь балет а яхийта, эскаран сур а ца дохуьйтуш.
- И тоьшаллаш стенна ду?! – шек вац профессор.
- Эдуард Константинович, 1944-чу шарахь къоман мостагIий бу аьлла, нохчийн халкъ махках дохучу хенахь оцу йоьIан ден ши шо бен ца хилла. Шен кIант ларван  гIоьртина цуьнан да тоьпаш тоьхна вийна. Казахстанехь ун кхетта елла цуьнан нана. Ткъа и бер дийна дисна. ХIинца ша воккха  хиллачул тIаьхьа, шен йоIах артистка хила лаьа цунна.
- Лаар а, хаар а башхаллаш йолуш ду, - юкъалиелха профессор.
- Хила тарло. ХIара кхин ду. Шуна массарна а хууш ду хIокху йоьIан похIма хилар. Юха а бала беъна. Вайн куьйгалхоша, къар ца луш йолчу Нохчичоьнна таIзар дан дагадеъна, юха цига танкаш а, кеманаш а хьажийна. Стохка ракета кхетта цуьнан нана а, воккхах волу ваша а вийна, шолгIачу вешех дерг а хууш дац, цунна чевнаш йина хилар бен.
- Бехк ма биллалаш, - хьалаэккха профессор. – Сан дог лозу. Делахь а хIара къинхиетам  бен  меттиг  ма яц,  консерватори ю.  Массарна   а   цхьатерра   бакъонаш а йолуш.
- И ала гIерта со а, - боху Шовдин куьйгалхочо.
Ректор Iаш волчу стоьл тIе а яхана, цхьа кехаташ схьа а эцна, юха Шовда йолчу схьаеара иза.
- ХIорш ю-кх вай диенна схьаоьцуш йолу бакъонаш. Кхузахь ша къаьстина цхьа корта а бу: «Уггаре хьалха диеша бакъо ло: а) да-нана доцуш дисначу буоберашна;  б) 20 шо кхачанза а долуш, дех-ненах цхьаъ бен верас а воцуш, иза а I-чу тобанан заьIапхо а волуш болчарна».
- И стаг заьIапхо ву? – карзахвуьйлу профессор.
- Куьг, я ког боцуш цахиларх, дахар а, са а хIаллакдинарг а ву зIаьIапхо, - боху хьиехархочо. – ТIаьххьара а в) Нохчичохь гIуллакх дечу тIеман гIуллакхошна а.
- Иза тIеман гIуллакххо ю? – хоьтту кIунзал болчо.
- Лераме накъост! – кхин а чIогIа йистхуьлу Шовдин куьйгалхо. – Язъянза бакъонаш а ю даима а хила езаш. Ткъа хIара, - нанас санна Шовдин белша тIе куьг а дуьллуш, - тIеман гIуллакххо яц. ХIара тIеман лазархо ю,  - аз доьхна соцунгIа хилира иза.
- Хьуна хIун дича бакъахь хиета? – хаьттира ректора.
- Любашин йиш уггаре халаниг ю. Вай иза тIеоьцучу экзаменехь локхуьйтуш яц. Консерватори чекхйоккхучара а атта локхуш яц и. Йоккхачу театран йишлакхархой а наггахь бен ца хIутту и лакха.
- Кхин йиш лакхийта тIаккха, - элира цхьаммо.
- ХIаъ, - тIетайра важаберш а.
- Баркалла, накъостий, - елакъежира хьехархо. – Баккъал аьлча ас хIара кхоае бохург дац. Шуна а хууш ду, Шовдин дика аз ду. Жимма меттаян диеза цуьнан.
- Нийса боху, -  юхаъ   вистхуьлу таьхьса  профессор,  -   цхьа   шо   даьлча юха яийта.
- Цхьа шо даьлча со хуьлий а, я хьо  хуьлий а ца хаьа, - хьиехархочуьн аз юха а чIагIделира.
- ХIан?
- ХIаъ, - куьг ластийра хьиехархочо. – Цуьнгахь Нохчичоьнан а, Россин а хиндерг ду! Оцу хиндолчуьн дуьхьа и сирла, керла некъ къобалбан биеза вай.
Цхьаммо тIараш туьйхира. Массара а бохург санна къобалдира. Дог-ойла гIаьттинчу хьиехархочо кхин дIа а бохура:
- Накъостий, доттагIий! Таханлераниг могIарера хилам бац. ХIокху йоьIан хилла ца Iаш, вайн массеран а экзамен ю хIара. Вайн кхиаран, маьрша ойлаяран а экзамен. И тIом муха къобалбийр бу? Къоман билгалонашца адамаш муха доькъур ду?
- Лакха хаарций бен къестор дац, - боху таьхьса профессора.
- ХIаъ. Цундела ас боху шуьга. Декъала хиларг Елизавета Абрамовна вайна массарга а дагайогIу. Шовда цуьнан диешархо хилла ца Iаш, цуьнца ехаш а яра. Ша ялале суна тIедиллинера цуо Шовдина тергояр. Кху йоIах йоьлла, хIара чIогIа езаелла а ю со. Тахана цуьнан йоьхна хилар а цхьа бахьанаш долуш ду. Вай гIо лаца диеза кхуьнан. ХIара дика лакхархо хилла ца Iаш, хиндерг долу композитор а ю. Масех композици кхоьллина куо. Царех цхьаъ «Стигал» аьлла ерг хIинца локхуьйтур ю вай.
Со верриг а хебира. Хьехархочо кхин дIа бохура.
- Лараме накъостий! И композици шуна хазале хьалха, жимма и муха кхоллаелла дийца лаьа суна. Нохчаша хIинца лардеш ду шайн шира гIиллакхаш а, амалш. ЦIерашкахь а иштта Шовда нохчийн маттахь хьоста а, къулла а ду. Цуьнан ден цIе Стигал ю, - соьга а хьаьжна, наггахь бен нислуш а йоцу хаза цIе ю и вайна тIехулара йист йоцу стигал!
Массо а соьга хьажира. Иза-м ас тидаме а ца ийцира. Амма и байт язйина волу Руслан а, цуьнан нана а, ненанана а церан дахарехь со нисвалара. Цо дийца долийча, корта охьа а таIийна и хаза лууш вацара со.  Дахаран маьршаца дуьстича, вуно кIезиг хийтира суна цу чохь хIинццалц мел дийцинарг а, сайн дегаIийжамаш а.
Шовдин куьг а лаьцна, оцу чуьра аравала дагадеара суна, вукхарна баркалла а аьлла. Делахь а, хIинца корта болх беш бара сан. Со шеконаша хьийзочохь а вуьтуш, цхьа хаза мукъам болабелира. ТIаккха Шовдин хьоме аз, со а воцуш, вайна тIехуларчу йистйоцчу сийначу стигалах а, дохковаларх а йолу, дуьххьара хезаш яцахь а, кхузахь кхечу бахьаница, кхечу кепара хезара и.
ХIинца корта хьалатаIо йиш яра сан. Тийналла хIоьттира чохь.
- Баркалла! – элира ректора. Массара а тIараш туьйхира.
…Шовда диеша дIаийцира. Кхин а дуккха а Iийра тхо цу чохь. Шовда а, цуьнан хьиехархо а, со а декъалвора массара а. ТIаьхьа хиллачу шина хIумано яздойту соьга хIара сел леррина. И кIунзал болу профессор суна тIе а веъна, куьг а кховдийна, шена бехк ца биллар дийхира соьга. Ткъа ректора, комисси цу чуьра араяьлча  элира:
- Шовда, хьомениг, тхуна жимма ца кхиеташ цхьа хIума хаалора оцу хьан эшарехь. Доьху хьоьга, кхин цкъа а лакхахь и «Стигал»…


19 май, Iуьйре
Сан йозанийн терахьаш шайн цхьа хьиесап долуш ду. Дукха хьолахь йочана хилча а, сайн наб ца кхиетачу буса а яздо ас.
ТIаьххьарлера денош хаза йоькхане дара. Ас дукха болх бора. Лаьмнашкахула а лиелара. Сайн дельтаплан а меттахIоттийна ваьлла. ЧIогIа тIомавала лаьа. Маржа яI, Максим вац-кх суна уллохь. Даррехь вацахь иза а, сайна уллохь хилларш массо а дагахь лаьтта суна даима а. Дагалецамашца вехаш ву-кх. Сан гуо гатлуш бу. Иштта ду дахар. Ваша Гехос олура: «Адамийн къелла йоцург, къелла яц».
- И бохург хIун ду? –  хоьттура   ас   цуьнга,   цунна  гонаха   боккха  доьзал болу дела.
- Къанвелча хуур ду хьуна, - велакъежира ваша Гехо.
ХIинца кхиета со – юххехь доттагIий а, гергара нах а, нийсархой а бац, къамел дан. Цул совнах, со къамел далуш а вац. Цундела яздо хир ду-кх ас…
Иштта. Мичахь сецира со? ХIаъ «Стигал». И йиш стигалах лаьцна ю. Сан цIе а ю Стигал. Сан бакъйолу цIе яц иза. Ваша Гехос тиллина.  Сан бакъйолу цIе сан гергарчаьрца а 1944 шарахь яйна.
… 1944 шеран Iа чIогIа шийла хилла боху. Со ши шо кхаьчна хиларна и дага ца догIу суна. Гиначара дийцинарг а, хенан йохалла айса теллинарг ду суна хуург. Нохчий а, гIалгIай а хIаллакбар 23 февралехь дIадоладелла орцал лахахьарчу ярташкахь. Ткъа тхан дай  баьхначу лаьмнашкахь 28 февралехь, хIетахь кхузахь машенаш лиела некъаш а, тIеш а ца хилла. Тхан юрт ша лаьтташ хилла. Ткъа тхан цIа цу юьртана юьстах лаьтташ хилла. Тхан юьртахой арабаха лерина кхоьллина ламанан батальон хилла, ламанхошкара схьаяьхна говраш а, варраш а хилла цаьргахь. Цу Iай доккха ло а диллина, хала хилла и нах арабаха. Массаьрга гIашлойн некъашкахула лаха охьадовла аьлла омра дина. Сан нана кхаа бераца (со юккъераниг а волуш) охьаяхна. Цомгашцу ненаца Iайтина сан да. Цуьнан кхин а ши ваша хилла. Цхьаъ цу шарахь тIамехь вийна. ШолгIаниг говраш лаха ламчу кхин а лакха хьалавахна хилла. Цул тIаьхьа обарг а ваьлла и вийна хила тарлуш ду. Сан дай, цуьнан наний, иштта гIорасиз ткъех сов адам цхьана меттехь гулдина. Уьш тоьпаш а тоьхна, Iин чу кхийса кечбина хилла. И дан цхьа взвод салтий буха битина хилла. Церан хьаькам хилла Сибрехара веъна къона, онда стаг. Цо ша и омра кхочушдийр дац аьлла. ШолгIачу дийнахь кеманца десант йоссийна цига.
Цара цкъа хьалха и декъаза взвод тоьпаш тоьхна хIаллакйина. Цул тIаьхьа меттигера бахархой а тоьпаш тоьхна Iин чу кхиссина. Хьанна гинехь а, сан девешина гина хила а тарло, сурт гина хилла.
Цхьа зуда яланза йисна. ТIаьхьуо аренга а яьлла лелачохь кара а яхна, Казахстане дIахьажийна хилла иза. Суна а дагайогIу иза. Къанъяллалц ехира. И ирча къизалла йийца ца яьхьара, дукха чIогIа кхераелла, йийцича а шабарца юьйцура цуо, елха а йоьлхуш.
Ломара охьадогIуш, кира дукха хиларна гал а яьлла цхьа говр бердах яхнера, шеца кхин кхо адам а хьош. Царех цхьаъ сол воккхах волу пхи шо кхаьчна сан ваша хиллера. Цул тIаьхьа хих дехьа довлуш, ког а шершина, марахь ялх бутт кхаьчна сон йиша, куьг лаьцна со волуш, хи чу йоьжнера сан нана.
Хорачахь, шийлачу ишколан цIа чохь буьйса а яккхийтина, Iуьйранна машенашца Гуьмсеха станце а дигна, даьхни лелочу вагонаш чу а доьттина, даа а, мала а доцуш геначу новкъа даьхнера тхо. Сан йиша шелъялар бахьана долуш еллера.
Кара-Кум олучу Iаьржачу гIамаршлахь охьадиссийна хиллера тхо. Цигахь цхьана божалш чу лаьхкинера. Ун а даьржина еллера сан нана. ТIаккха лоьраш а баьхкина, и ун дIаса ца даржийта аьлла, цIе а тесна цу чуьра цомгуш нах багийнера. ЦIаро ун хIаллакдинера. Со кIелхьараваьллера цу лазарх и хьакха ца луш. ГIала дIа а вигна, больницехь а Iиллийна, берийн цIийне дIавелла хиллера.
Цига веанчу ваша Гехос тIаьхьуо дуьйцура хийлаза. Шена со гича сан сийначу, баккхийчу бIаьргех цецваьллера ша, бохуш:
- Стигал санна лилула сийна бIаьргаш дара.
ХIетахь дуьйна цуо сох Стигал олура. Сайн бакъйолу цIе суна а ца хаьара. Берийн цIийнахь Алик аьлла язвина хиллера. Сайн I8 шо а кхаьчна, паспорт схьаоьцуш ас хийцира и цIе.
Стигал бохург, атта карор йоцуш цIе ю. Ас сайн цIе яьккхича, юха а хоттуш меттиг нисло. И хийцахь, цхьа нахана евзаш  йолу цIе а тиллий, олура соьга бевзачара. И дан дагахь а вацара со.
Сан жимах волчо шен керла кехаташ нисдеш, фамили а, цIе а хуьйцуш шен ден цIе ца хийцинера. Кхиберш санна лар йоцуш тIепаза ван тарлора иза. Амма цуьнан кехаташ тIехь Стигалаевич боху ден цIе билгалъялар бахьанехь, хиира цунах хилларг ма-дарра. Хилларг иштта дара.
Шовдас экзамен дIаеллачул тIаьхьа со Соьлжа-ГIала юхавеара. 2000 шеран аьхка. Хийцаделла хIума дацара. ТIом. Со юханехьа сайн балха аравелира, даима санна мехкадаьтта даккха а, дIататта а диезара. Хьалха санна тIетаьIIина ца бахь а болх беш вара со. Уггаре а коьртаниг – сайн жимахволчуьн дакъа мукъане а каро диезара. Некъаш луьра дара, массанхьа а герзаш карахь нах бара. Юьртара кхечу юьрта ваха а кхиераме дара. ТIом бара, доцца аьлча. Делахь а, со ца кхоьрура. Массо  а  бохург  санна, лаьмнийн  ярташкахула    чекхвелира со, сайн кIантах дерг хоьттуш.
Тхайниг санна йолчу лекхачу лаьмнашкарчу юьрта хьала а ца вохуьйтура. Лаьмнашкахула а, хин йистошкахула а чекхвелира. Иза цхьана хин йистехь вийна аьлла хаам хиллера. Масех, мила ву а ца хууш долу дакъа а карийра суна. Таллам  байта,  сайн  ДНК-а  дIаеллера ас.
Ханкалахь а, Владикавказехь а, Ростовехь а йолчу декъий чудухкучу меттигашкахь а хилира со. Иштта чекхъелира аьхке. Гурахь со хоьттуш цхьа воккха стаг ву, аьлла, конторера  аравелира со.
- Хьо вуй, Стигал? – аьлла шен киснара схьадаьккхина цхьа модаш дуьзна мерах хьокху йовлакх схьадаржийра цуо. Цу юккъера схьаэцна, - ХIара ду-кх, - аьлла, цхьа Iийшича санна хьакхаделла кехат схьакховдийра. Цу тIера сурт хи чохь Iилларна къаьсташ дацара. Сан цIе яра-кх къаьсташ «Стигал», Стигалаевич.
- ХIара инзаре цIе бахьана долуш карийра суна хьо. ЦIе хаза ю. Кхоллам къиза бу. ТIом бу хIара. Дан хIума дац. Хьан кIант ца хила а мега иза.
Тоьпаш тоьхна цаца бина, акхароша цистина велахь а, цхьа а таллам бан ца оьшуш, дакъа иштта эрчадаьккхинехь а вевзира суна сайн кIант. ХIун хилла ца хууш, садуучул а гIолехь хиетара хилларг хиъча. Шега далург деш, цуьнан дола динчу воккхачу стагана  баркалла  бохуш  вара со.
Воккха стаг даима а иччархочуьн бох беш Iийна хиллера Дишни-Ведана юххехь. Тахана ша висна Iаш вара иза. Пачхьалкхе йоьхначул тIаьхьа кхуьнан болх оьшуш Нохчичоь а яцара. Алапа а, пенси а дацара. Шен гIийлачу бахамца, рицкъ  лохуш  Iаш вара иза.
Цу дийнахь, март бутт болабелча, со Кубехь вара, дуьненан кхечу маьIIехь. ХIетахь дуьххьара легашка шад хIоьттира суна, кхузахь хиллачу къизаллин тулгIе дIакхаьчна хиллера со волчу. Ткъа хIара воккха стаг, кхиераме делахь а, хьонка  боккхуш  хиллера  ломан  басешкахь.
ЦIаьххьана ехха автомат етташ тата хезнера цунна. Цул тIаьхьа тапча йолуш а хезнера, цкъа яьлла а ца Iаш. ХIара меттиг адам кIезиг хуьлуш йолу дела, хуьлуш дерг хаа лууш, юххерчу дукъ тIе а ваьлла. Гуш хIума дацара. Басех хьалайоьдучу машенан угIар а дара хезаш. И гIовгIа гена яьлча, хIун хилла хьажа и некъ хи йисте кхочучу вахара иза. Цигахь массо а тайпана герзах боьттина нах гуллуш меттиг юйла а хаьара цунна. Церан цхьа хьулам а бара цу меттехь, юург а, герз а чохь долуш. ХIара царна тIекхевдаш вац. Циггахь шайн цхьацца хаамаш буьтуш хуьлура уьш.
ТIаьхьарчу хенахь кхузахь тийналла яра, цхьадика. ХIинца цкъа а цахилларг дара – ши дакъа. Цхьаъ некъан юккъехь Iуьллура. Мила ву хаа хала дара, хьуьнан юккъехула кхирстина воцийла гуш дара, хьийкъина дегI дара цуьнан. ТIехь цIена эскархойн барзакъ а дара, погонаш яцара. Цунна тIехь  гIагIадиллина жилет хиларна, кхаа дIаьндарго бедарх Iуьргаш даьхнера, и воьжначул тIаьхьа коьртах  тапча  тоьхначух  тера  дара  цунна.
ШолгIачунна тIехьашха букъа тIе йиттина. Цул тIаьхьа некхах а тоьхнера. Цунна тIехь гIагIадиллина жилет яцара. Иза азвелла, вала а ваьлла, когара мачаш йоьхна волу и декъазниг сан кIант вара. Ирча сурт хиллера гуш дерг. Муьлхха а стаг цигара сихонца вада тарлора. Воккха стаг а цкъа дIаволавелира. Юхаъ, кху хотехь ша бен кхин адам цахилар дага а деъна, церан киснахь документаш хила а мега. Цаьрга хьажа а, хIара  декъий  лаьттах  доьхкина, акхарошка  эрча  ца дохуьйтуш  цхьаъ  дан диеза, аьлла  сецира  иза.
Амма эццахь гучуделира диъ беркема. Царех цхьаъ оцу меттигна тIехула хIаваэхь кхозаделира. Воккха стаг  коьллаш юккъе лечкъира. Дийнахь хIума дан кхиераме ду, сарахь юха вогIур ша, аьлла. Юха а аьтто ца хилира. БТР-ш а яьхкина, цхьа дакъа цара машен чу диллира. ЖIаьлеш а хиллера цаьрца. Уьш лиета доладелча, хIара генавелира. Машенаш дIаяхча, юхавеара. ТIаккха а беркеманаш  гучудевлира. Цара цу метте ракеташ а туьйхира.
Iаржъелча юхавеара воккха стаг,  чагIалкхийн гIалх а хезна. ТIемалойн туш дохийнера. Лахахь хи чохь Iуьллуш эрчадаьккхина дакъа карийра. Селхана федералаша шайн дакъа дIа а даьхьна, хIара хи чу кхоьссинера. Хи гомха долчохь тIулгах а тасаделла Iуьллура и. Воккхачу стага хьуьна юккъе а такхийна шен ма-хуьллу лаьттах доьллинера и.
…Ши шо даьлча, дукха хала сайн кIант тхешан юьртан кешнашка дIаволла комендантера бакъо а яьккхина дIаверзийра ас. Цуьнан ненан а, воккхахволчу вешина а юххехь  кхин цхьа барз дIахIоьттира. Кестта кхин цхьа барз а хир бу, суна сайн лазар хууш ду. Йисна хан токхуш ву. Шовдех дог лозу-кх. Ас хIун дийр ду? Лоьраша цхьана шарахь ваха мега хьо аьлла соьга. Цул тIаьхьа пхи шо а даьлла. Со хIинца а шек вац. Сайн нийсархойл а тIахъаьлла кху лаьмнашкахула хьийзаш ву.  Iалашо хилча хуьлу иза! Со биекхам бан безаш ву! Ас доькхур ду!

6 июнь, суьйре
Суо кхин кху онкоцентре кхочур ву моьттуш вацара со. Кхечи-кх. ХIинца хьалха санна-м дац. Шовдас мах дIа а белла, суна сайна палата а къастийна, стол а хIоттийна. Амма саьхьара а, эхьдоцу а лоьраш, лорйижарий хьалха санна бу. ХIинца-м со кхузахь дукха хьелур вацара. Сайн катетерна гондахьара чов дIайирзинчул тIаьхьа дIагIур ву тIома а ваьлла, кеманца. Сайн дельтапланаца тIомавала чIогIа лаьа. Суна хIинца хиъна тIомаваларан чам. И бахьанехь кхуза а кхаьчна. И ала ца гIерта со. ХIунда ца олу цунах лаьцна? Мел хаза дара и.
Аьрзу санна лаьмнаш тIехула хьо хьалавахар хаза дара. ХIинца суо хIаваэхь хьийзаш санна хиетало. Цкъа цуьнан чам кхетта, марзвелла со, юха тIомавала сатуьйсу. Кху лаьттахула текхачул а тIомаваьлла, маршонах воккхавер хIун ду хаа лаьа. Максим дагавогIу суна кест-кеста. Цуьнан зеделларг хIинца чIогIа оьшура суна. Нохчичохь тIом болуш, кхузахь цхьа буьйса а яьккхина цIа вахча тоьур ду шена кхиераме гIуллакх, аьлла дельтаплан дIакхоьссира цуо. Дууш, молуш, сакъоьруш, маьрша вехаш вара иза. Иза тIех верстинера. Халонаш лан Iемина   долу   дог а,    са    а,    синтем   ца  ловш,  хьалхе   дIавахара  иза, аьллера  цуьнан  лоьро.
Айса со хеставахь а, ши тIом а лайна, массо а бохург санна гергарчарех а ваьлла, суна-м мелхо и кхиераме халонаш лан лаьа. Со массара а лартIехь вац бохуш велахь а, суна ваха лаьа! Дукха хан ца йиснийла а хаьа. И йисна хан а маьрша, сайн лаамехь тIомаваьлла дIаяхьа лаьа суна!
Даима санна, май бутт юккъе боьдуш, лаьмнашкахь тийна, хаза, йоькхане а ду. Массо а ораматаш зазадоккхуш ю. Дургал лиехьош хьийза накхармозий, полларчий, чхьаьвригаш, кхидолу сагалматаш. Ткъа чуьркаш а, зене мозий а кхузахь хила а ца хуьлу. Ялсамани санна меттиг ю-кх. Кхузахь маьрша ваха виеза. Маьрша аьлча а, тIомавала виеза.
Масех дийнахь сайн дельтаплан а тойина, мохе и юха дIа ца яхьийта, тхов тIехь и хьулъян дагадеара суна. Ас и хьалаяккхахь, юха охьаяккхалой а ца хаьа. Цкъа тIомавала хьажа виеза со, аьлла дагатесира. Дельтапланах лаьцна масех киншка а ешнера а. Доьшуш санна атта ца хиллера тIомавала.
Цкъа делахь, екхна а йолуш, мох гIийла а болуш хила диезара. ШолгIа, и уггаре коьртаниг дара, мох мичара схьахьокху. Цуьнан хьала, я охьа хьакхар муха ду хаа диезара. КхозлагIа, юххехь говзанча а волуш, цуо аьлларг деш, цуьнца цхьаьний лекхачу басешкахула бен дуьххьара тIомавалар магош а дацара. Дуьххьара  тIомаваьлларг юххехь хьехархо волуш хилла хир вац.
Со тIомавала хьаьгна вара. Сан лаппагIна гена доцуш цхьа лекха берд бу, кхин дIа кIорга Iин а ду. Цигахула чуоьхуш сан шовда а ду. Хьалха оцу берда йисте гIорта а ца ваьхьара со. ТIуьна а, шера а, лекха буц яьлла а яра и меттиг. Цуьнга хьаьжча Лермонтовн «Измаил-Бей» поэми юккъера могIанаш дагаоьхура суна: …Сирла а, хьаьъна а лекхачу бецийн юккъешха
Шерачу  чхернаш тIехула Iин а иэгош,
Боданехь и къайла долуш, тIехула хьийзаш
Ю цуьнан, Iодикаеш санна,
Маьршачу, стешхачу сийначу цу кхокхийн жут…
ХIинца со кест-кеста лаьтта кху бIагор боуьйтучу бердан йистехь. Со кхузара дIа тIомавалалур вуй-техьа, бохуш. Валалур ву, суна лаа а лаьа, вала а диеза. Амма цкъа хьалха жимма легIана йолчу басешкахь зие диеза аса сайн хьуьнар. Суна и иштта чолхе а, хала хир ду а ца моьттура. Хьайн лаамера ваьлла, дегIана доладан аьтто а боцучу хьоле нисваларна  а кхоьру.
КIозлагIа гIоьртича жимма тIомавелира со. Амма дукха чIогIа кхеравелла, хаба а хебба и сайн гIирс а такхийна, ког а лазош, охьакхийтира. ЧIогIа гIелвелира. Дукха вулавелла а, кхеравелла а  гIора дIадаьллера. ГIелвелла, дог доьхна чу кхечира со. Дельтоплан неIарехь охьа а кхоьссина, охьавижира.
Жима волуш сайна кест-кеста гуш хилла долу цхьа гIан гира цу буса а. Цхьана лекхачу боьххье хьалаволу со. Цигара охьа муха вуссур ву ца хууш, кхиерало со. Лакхенах а кхоьру, суо чувожарна а кхоьру, лаьттах кхетта валарна а кхоьру. Шийла хьацар а тухий самаволу со. Юха а изза гIан гарна кхоьруш, наб ца кхиеташ Iа. Дукха хан яра суна и гIан ганза. Къона волуш, цхьана лакхене сатуьйсучу хенахь, дерриг а дахар хьалхахь ду моьттучохь гуш хилла хир ду и гIан. ХIинца гIенах со цхьана диттан бохь санна лесташ йолчу лакхене хьалавелира. Делахь а мел лестарх кхиера ца луш, мелхо а воккхавеш вара со.
Самаваьлча и гIан тида воьлча, кхийтира со, къона волуш лакхенга кховда лаахь а, кхерамечу новкъах ларвала виеза, хьох тешна доьзал а бу, накъостий а, гергарниш а.
Ткъа хIинца? Шадерг а чекхдаьлла. Хьо хьалавала гIиртина га а тоххарехь кагделла, мурдоьлла. Хьох доьзна хIуммаъ дац хIинца. Эрна, я бегашийна хилла-те дерриг а? Ткъа хьо цхьа еса хIума санна хьала а ца воьдуш, охьа а ца вужуш, хIаваэхь кхозуш ву. Декъаза жамI ду. Хьо цхьа ву!
Кошахь санна кхиераме ду. Садукъло сан. Чуьра арахьаьдира со. Бода. ЧIогIа шийла а ю. Тийна ду. Хиэ шабарш деш хеза. Беттаса а дац. Бода. ТаьIна Iаьржа стигал юьзна дахаран миллиардаш суйнаш санна сиега. Соьга а хьоьжуш цара сайга дIакхойкхуш санна хиетало! Мичахь тIома вер вара? Муьлха седа хоржур бара? Сан гергарнаш мичахь бу?
Дийнахь а со юххе ваха ца ваьхьаш болчу берда йисте, хIинццехь, буьйсанан юккъехь ваха дагатесира суна. Цигара шерачу  чхернаш тIехула чуэгаш сан шовда ду. Цигахь дIаволавелира со, дагахь цхьа кхерам а, сатийсам, ойла а йоцуш. Набкхетча санна вара со. Дерриг а чекхдаьлла, тIома а ваьлла, паргIат вер ву. Со массарна  а къинтIера  ваьлла,  массо а  сайна   къинтIера  ваьлла хиларе сатуьйсуш а ву со.
Цу берда йисте со дIакхаьчча санна хийтира суна коканийн кIохцал Iоттаделча. Эрзах а куьг хьакхаделира сан, когаш кIелахь сазлатта а хаалора, шера тIулгаш а ду, шовданан шабарш а хеза. ТIаьххьара катетер чухула хи мала хьожу со, юьхьах а хи туху. ТIаккха вулалой дIахIутту со. Суна лахахь со чукхоссавала кечвелла бух боцу Iин ду. ЧIогIа сатийна вара со. Сайн дог детталуш а ца хаара.
Тийналла… ЦIаьххьана сайга лаьмнаш дистхуьлуш санна хийтира. Цара бохура, хьуна ваша Гехос Стигал аьлла цIе эрна тиллина ма яцара. Хьо йист йоцчу стигала  хьала хьиежа виезаш ма ву, седарчашка кхийда виезаш. Ткъа хьо Iин чу…
Ток тоьхча санна цу берда йистера схьакхоьссира со. Кокано резадоцуш шен кIохцал а Iоьттира. Сайн лаппагIа йолчу агIора хьалатекхира со, тIаккха цига дIахьаьдира.
Мегарг сахиланза дара сан цIен-кIайн дельтаплан бацалахь тхинан лар а юьтуш легIанчу басахула хьалатиекхаш йолуш. Маьлхан дуьххьарлерачу зIаьнаршца цу буьххьера ерриг а Кавказе бIаьрг туьйхира ас. Хазалла, аьхналла, цIеналла! Ишттачу синхаамашца басах чухьаьдира со. Цхьана ондачу, стигалан ницкъо лаьттах дIакъастош хьалаваьхьира со, тIомавоккхуш. Со боккъала тIомаваьлла хIаваэхь некадеш санна воьдура…
Кхиера а кхоьрура, сахьийзара. И дельтаплан лиело а гIертара со. Делахь, айса леринчохь лаьтта воссар ца нисделира сан. Кхин а диехьа вуьйжира. ДIакхетта ког лазийра. Амма оцу шина-кхаа минотехь суна хилла там бийца а лур бац. Инзарваьлла а, гIадвахна а вара со. Кхин цкъа а иштта тIома вала лаьара, хIинццехь.
Сайн дельтаплан а такхийна со юха хьала волавелча, машенан гIовгIа хезира. Мила  ву-техьа  сан   хазахиетар   дохош   верг? Мила кхочур вара кхуза? Меттигера милцо.
- Ахь хIун лиеладо? Тентакваьлла хьо?
Ас белшаш саттайо.
- Кхузахь тIомавала  магош дац!
- СадеIа мегий кхузахь? – куьйга эшарехь гойту ас.
- Хьо цомгуш ву. Гена боцуш дозанхой бу. Цара  тоьхна  чувоуьйтур  ву  хьо.
- Кхузахь сан цIа а, латта а ду. Сайна луъург дийр ду ас, - гIам-гIим до ас. И кхиетахь а, ца кхиетахь а боху ас: - Ас хьанна новкъарло йо?
- Мегар дац! Магош дац! – мохь хьоькху цуо. – Омра ду!
- Хьуна ду и омра, суна дац, куьйгаш лестадо ас. – Хьо лай а, гIапло а ву. Со сайн цIахь маьрша  ву луъург дан, кхетий хьо?
Дерригенах ца кхеттехь а, коьрта маьIна хууш, оьгIазвоьду иза. Со и кхието гIерта: - Лоллех кIелхьарвала лаьий хьуна? ТIомавала. Боккха синкъерам бу хьуна!
Цунах дика кхиетачух тера ду:
- Со Iовдал вац…ваха лууш ву.
Дуьхьал хIуммаъ ца олуш, со Iад Iийнехь а хIуммаъ дацара. Делахь а, цуо сан синкъерам бохийнера. Цундела гIам-гIим дира ас:
- Сан кIентий баха ца лууш, Iовдал бара?
Ас бохучух кхетта, вусавелира иза:
- Дала яздинарг ду… Ткъа хьоьга дIахоуьйту хьуна ас, кхин хьо тIомавалахь, хIаваэхь волчохь топ туоха аьлла омра ду. Кхетий хьо?
- ХIа-а, - гIам-гIим до ас. – Хьажа хьо! – И аьллачул тIаьхьа со юха а  хьалаволавелира. Суна дуьхьал велира иза. Некъ а лоцуш. Амма со и тергал а ца веш, хьалавахара, юхавала меттиг бацара сан. Лакха хьалаваьлча, малх схьакхеттачул тIаьхьа мох чехка а баьллера, кхечу агIорхьа хьоькхуш а бара.
Сатедина саца виезаш вара со. Кхара вуьтур-м вац маьрша ваха. Сан дельтаплан а мелла а йоьхнера. ТIома воллушехь кхечанхьа дIайирзира и. ДIа а хецна дIадахийта диезаш дара и. Делахь а, оцу меттигера милцона а гуш и дIахеца а ца лууш, цул тIаьхьа цуо айъина юха лаьттах туьйхира со. Ткъе итт метар хиллал дIа а ваьхьна суна тIедуьйжира иза.
Соьга са ца даIалора. Катетер йолчухула охьаоьхуш цIий дара. Со тархах дIакхиеташ дегIах чуяхнера и катетер. Меттигера милцо тIе ца кхаьчнехь, эццахь лийр вара со. Цуо со шерачу метте дIа а такхийна, шен машен тIе а ялийна, цу чу а виллина, дIаэккхийтира и машен.
Сайн цIийна юххехула тIехволуш а кхиетамчохь вара со. Юха хIаваъ ца тоьуш делахь а, машено дIасавиттина делахь а кхиетам чуьра велира.
Веданарчу больницехь суна дан хIума а ца хилла, Шела охьавалийча, цигахь зеделларг долу лор нисвеллера. Цуо сан катетер а цIанйина, кийра хIуо кхочуьйтуш болу гIайба а нисбина, со меттавалийра. Денвелира со. И кислород чохь йолу гIайба а эцна цу дийнахь Москва доьдучу кеманна тIехиира со. Циггахь аэропортехь соьга хьоьжуш Маккхал а, Венера  схьавеъна  нуц а вара.
Шовдин схьаян аьтто ца хиллера, кехаташ кийча доцуш а, бер жима хиларна а. Амма цуо дан диезарг динера. Шортта ахча хилча, онкоцентрехь хьо куьйгаш тIехь лелаво
ХIинца сан сайн палата а ю, лорйиша а, соьга хьоьжуш, со тергалвеш кхин цхьа зуда а ю. Царна а шортта ахча делла. Лор а кест-кеста чувогIу. ХIара дика катетер хIун делла хIотта яйтина ахь, муха ю и, бохуш хаттарш до. И шена пайдехь дерг лоьхуш ву. Ткъа сан а сайн хьесап ду. Жимма сайна чу садеъча Нохчичу меттигера милцо волчу зIе етта ас. Цуо схьа ца оьцу. Кхано буса евзаш йоцчу номерца соьга зIе а тоьхна луларчу кIанта боху:
- Хьоьга са ма гатде боху. Хьан дельтаплан тхов тIехь къайлаяьккхина.
Сан сапаргIат делира. Меттигера милцо ледар  ца хилла. Сан иччархойн топ а дIалачкъийна хир ю. Сан чохь Iуьллуш ма яра иза.
Иштта ду-кх дахар. Суо вала герга вахана ву, кхин стаг виен гIерташ а ву. Хьераваьлла? Я иштта хила диеза-те?

8 июнь, Iуьйре
Со хIинца а онкоцентрехь ву. Европерчу клиникашкахь санна дацахь а, тоьур долуш хьелаш ду кхузахь. Цомгушниш доггах а, дог лозуш а тергал беш бац-кх. Суна тIера шайна дIаделла шортта ахча долу дела, со чIогIа лерина лиелош ву. Дийнахь шозза-кхузза чувогIу лор. Шена и мах баларна а доцуш, соьгара цхьацца хаа лууш волчух тера ду иза. Сан анализаш цIена хиларх, цкъа а онкологи ца хилча санна ю, бохуш, инзарваьлла иза.
Европехь суна мичахь, муха дарба лелийна хаа лууш, моссуза, муьлхачу барамехь радиаци йира хьуна, бохуш хоьтту. Ас ма-дарра яздо.
Цуо юха а хоьтту:
- ХIун юуш ву хьо? Мичахь вехаш ву? Даима а лаьмнашкахь? Цигара хIаваъ а, хи а дарбане ду-кх тIаккха. ЮьхьтIера бос а хьан! -  бIаьрг ца хила санна аьрру агIорхьа туй кхуссу цуо. – Цигахь хила лаьара суна. Хьажа лаьара.
Цул тIаьхьа, бедар охьа йилла олий, сан чевне хьожу:
- Кхин а ши де даьлча йоьрзур ю. Куьйгаш тIера берчаш – къахьоьгуш ву хьо?
- У-гIу-гIу, велало со.
- Кхузара ваьлча юха лаьмнашка воьду хьо, я йоI йолчу – Европе?
- У-гIу, - доккха садоккху ас.
И суна хIинца чолхе хаттар ду. ЙоIа дIакхойкху соьга, иза а, сайн йоьIан кIант а ган лаьа. Сайн катетере хьажийта диезара цигахь, и хийца езаш хила а мега. Амма кхин а чIогIа лаьмнаша кхойкху соьга. Цигахь кхочушдан диезаш коьрта  гIуллакх  ду. Сан кертахь, бахамехь, сан тоьпах дерг а хаа лууш, сагатло.
ХIуъу дицича а, сайн цхьаллех а, сайн лаьмнех а, цигарчу хIаваах, шовданах, накхармозех, шортонах, маршонах воьлла со. Цигахь сингаттамаш а, гIайгIанаш а елахь а, сайн цIахь хIусамда ву со. Суо дийна мел ву, сайн сий а, маршо а, дайх дисна ламасташ а лардеш, биекхам бан биезаш а ву. ТIаккха со боккъаллаъ маьрша хир ву. Маьрша ваха а, садиеIа, тIомавала а, вала а!
И бу-кх сан сатийсам, и ю-кх сан маршо а, паргIато а!
Ткъа кхузахь мел дика хьелаш делахь а, кIари чохь воллуш санна ву. Боккъала аьлча, коридор чу вала а дог ца догIу. Шайн тIаьххьара етт а, хIусам а йоьхкина, кхузахь шайна дарба хиларе сатуьйсуш дукха декъаза нах бу. Чоьхьа ма-веллинехь гуш, кхозуш «Дарба а, массо а хьашткхочушдар а – маьхза, пачхьалкхан чоьтах ду», аьлла яздина дацахьара а ша дара.
Суна-м хаьа дерриг а. ХIинца хаьа-кх.  Сайн дегIаца а, сица а цхьа лазар дуйла дукха хенахь дуьйна хаара суна. Муха ца хуьлу? Муьлхха а цамгар сингаттамо а, балано а, туьйш лоцчу сахьийзаро кхуллуш ю. Ишттачу хьолехь вара со. Сайн легашкахь хуорам хIиттар ларамза доцийла а хаара.
Цхьана дийнахь маж йошуш волуш хааделира суна сайн лога тIехь цхьа лазаме буьччалг. Иза йоккхахуьлуш а яра. И ца гуш, цуьнан ойла ца ярхьама маж а йитира ас, Нохчичохь шуьйра даьржина дара маж йитар.
Жимах волчу кIентан дакъа тхешан кешнашка дIадуллучу хенахь, цIаеъначу Шовдас тидам бина хиллера оцу сан логехь йолчу буьччалган. Елха а йоьлхуш дийхина цуо соьга, Москва а волий и хIун ю хьажийтахьара, бохуш.
И новкъа йоккхуш Слепцовскехь аэропортехь дара тхо. Эццахь тхуна тIевеара ваша Гехон кIентан кIант. ГIиллакхехь мара а кхетта, могаш-паргIат хаьттира цуо. И нахера ахчанаш дохуш ву аьлла хезчахьана, шовкъ яцара сан цуьнца. Сан йоIе а цхьа хийра и йолуш санна хьаьжира иза.  Шовда хаза йоI яра, хьеннан бIаьрг тIе хIуттуш.  Цундела башха тидаме а ца оьцуш дицдира ас и хьажар а. И дIавахча Шовдас оьгIазе тIаьхьа а хьаьжна элира:
- Боьха хIума!
- ХIунда боху ахь? – оьгIазвахара со. – Цуьнан денда ваша Гехо суна веза вуйла ца хаьа хьуна?
- Хаьа. ХIара моттбетта айкх ву, - элира Шовдас.
- ХIан?
- Массара а боху.
- Нехан эладитанашка ла ма догIа.
- Хьуна а хаьа иза. Шеконаш а ю хьан… КIордийна суна иза.
- Муха кIордийна?
- Иштта, - куьг а ластийна, къамел кхечу агIора дерзош сан лога тIера буьччалго сагатдора цуьнан.
Цуо аьлларг а дина, суо цкъа хилла воцчу больнице вахара со. ТIом белахь а, лоьраш бара. Цара со Ростоверачу онкоцентре хьажийра. Со и чIогIа халонга даьлла а вара. Цул а чIогIа хала хилира суна, Соьлжа-ГIала – Ростов цIерпошта тIе хиъча. Массо а вагонаш чохь бохург санна онкоцамгарш йолу нах а, царна юххе бевлларш а бара. Рак бохург сингаттамо, балано кхуллуш цамгар ю. ТIеман къиза тIаьхье ю иза.
Ростоверачу онкоцентрехь болх беш нохчо-профессор хиллера. Вайн махкахошна дукха гIо дина стаг ву иза. Сан логе а хьаьжна цуо элира:
- Хьан берриг а бала а, хало а шена тIеоьзна хIокху хьорзалха екхоо. Цуьнан эхано. Цкъачунна и зуламе доцу дестар ду. Делахь а, дIаяьккхича бакъахь хир ду. Тхо долчохь ца до и. Москварчу онкоцентре ваха виеза. Мало ца еш. Хьан кхийолу воканаш могаш ю, анализаш а дика ю. Шен хеннахь тхуна тIевар нисделла хьан. Хьо жима воцийла а хууш, дика хIума а юуш, вочу нахах а ларлуш, хьайн могашалла Iалашъяр хьоьгахь ду. Ларлуш хила. И буьччалг Москвахь дIа а яккхийта.
Цуо соьга и дуьйцучу хенахь суна юххехь Шовда яра. Леррина Москвара Ростове еанера иза соьга хIун олу хьажа.
- Дада, лоьро бохург а дай, хьайн болх а битий, Москва схьаволахьа. Соьга хIинца ахча а даккхалур ду жимма. Ларор ду вай.
- Муха? – цецволу со.
- Со музыкант ма ю - концерташ а, ловзарш а.
- Цхьа а ловзарш! Диеша. Консерватори чекхъяьккхинчул тIаьхьа хьовсур ду вай. Зуда ялийначу ловзаршкахь бехначу нахана юккъехь йиш локхуш хьо хилар дара вайна ганза диснарг. Ас кхачо йийр ю хьуна. Кхетий хьо?
Иза реза хилира. Ас а дош делира Соьлжа-ГIалара сайн Iер-дахар хийца. Белхан кабинет чохь ваха а, болх бан а мегар ма дац.
Шовда цIаяле тхешан квартира тоян дагахь банкехь кредит иэца дагадеара суна. 500 эзар сом суна доккха ахча дара. Кхиерам белахь а, республикера хьал нислуш дара. Референдум а хиллера, цул тIаьхьа дуьххьарлера Президент а  хаьржинера, эскархой а дукха хаалуш бацара.
Оцу кредито дика гIо дира суна. ХIора баттахь сан алапех ах банко чусацош дара. Важа ах суна Шовдина гIо дан а тоьура. Иза цхьадика чIогIа тIаламе яра, сайн хьашташна а дуьсура. ХIусамаш меттахIоттор мел харжъян оьшуш, хала гIуллакх дуйла хууш а вацара со. Дерриг а бохург санна ахча дIадахна, дан диезарг хIинца а дуккха ду. Делахь а, со сагатлуш вацара. Мелхо а цу чувеъча хиндолу сурт билгалдолуш дара.
Йоккхачу зал чохь лаьтташ рояль, я фортепьяно хир ю. Шовдас и лоькхур ю. Юххехь – цуьнан чоь, важа чоь сан хир ю. ХIара дерриг цунна дIа а делла, со пенсе вахча, лаьмнашка хьалагIур ву. ТIом чекхбаланза хиларна тIаьххьара шиъ бен кхочуш ца хилира.
Вайн Президента телеэфирехь дIахьедира, Нохчичохь доккху мехкадаьтта вайн къоман  компанин долахь хир ду, аьлла. Оха, мехкадаьттанхоша боккхачу хазахиетарца тIеийцира и хаам. Шен хеннахь а, майрра, хьакъдолуш а аьлла дешнаш дара уьш. Амма ши кIира даьлча «Динамо» стадионехь теракт а хилла вайн дуьххьарлера Президент дIавелира.
Вайн дерриг а къомана хилла боккха иэшам бара иза. Цуьнан тIаьхьие сиха гучуелира. Москвара керла куьйгалхо ваийтира тхан урхалле. Соьца болу барт а хадош, пенсе хьажийра со а. Шовзткъе итт эзар сом долчу алапин меттана исс эзар сом пенсех ваха  дезча, атта дацара суна. ДIадала диезаш кредит дацахьара дуккхаъ болу кхиберш санна хене вала тарло со а.
Шовдас а сатедора, иза гIолехь а ду, хьайн могашалла а ларъеш, садаIа, бохуш. Кхин цхьаъ а тIетуьйхира цуо:
- Керланиг хезний хьуна? Хьан…вайн гергарчу стагах лаьцна…
Со телевизоре хьожуш а вац. Я и ян а яц сан. ХIинца со сайн квартирерчу тойина яьллачу  цхьана чоьнехь Iаш ву. Соьлжа –ГIалахь дукхах берш иштта бехаш бу. Ара а ваьлла меттигера газет ийцира аса. Хьалхарчу агIон тIехь гуш дерг! Нохчичохь ца гуш хIун хир ду? Даймахкана гIуллакх деш майралла гайтарна Россин лакхара совгIаташ дина масех стаг ву. Царна юккъехь ваша Гехон кIентан кIант а.
ШолгIачу агIон тIехь иза тхан ломан кIоштехь ханна долчу  Iедалан коьрте хIоттийна аьлла ду. Иза цигахь милицин а, эскархойн а хьаькам ву. Доцца аьлча, оцу кIоштан да хIоттийна-кх! Циггахь цуьнан дахар дуьйцуш яздина. Шиъ лакхара диешар дешна а хилла цуо. БIаьхаллин а, къинхьегам а дукха кхиамаш баьхна а хилла. Цул сов цунна полковникан чин а делла. Онда!  Баккъала аьлча, суна хаза а хийтира, мухха велахь а, сайниг ма ву и.
Со ахчанца долу гIуллакхаш ледара хууш ву. Даима алапин тIера юха алапин тIекхаччалц ваьхна, сайн карадеънарг, цунна дан диезарг дика хуу дела, сайн зудчуьнга дIалуш Iийна ву. ХIинца зуда а яц, тIедогIуш хIума а дацахь цхьаъ дагадеанера суна. Ас зIе а тоьхна Шовдига а хьахийра иза. ЙоIа къобалдира, амма ваша Гехон кIентан кIента цIе яьккхича, цо хадийра сан къамел:
- ГIуллакх хир дац. Цуьнгара хьайна дика хиларе сатийса ца оьшу.
- ХIунда ю хьо цуьнца иштта гома? – юха оьгIазвоьду со.
- Ца хаьа…Цхьа боьхалла йоллу цунах.
ТIаккха ас боху:
- Шуьшиъ вовшийн гуш хуьлу?
- Наггахь гучуволу, - къадийра цуо, - шена музыкех дерг хууш санна, со лору ша бохуш.
Кхин цу хьокъехь къамел ца дира оха химма, дуьйцуш товш а дацара. Делахь а, ваша Гехон кIентан кIантах вон ойланаш ца йора ас. Иза мухха велахь а, сан гергара стаг ву. ХIинца сан цуьнца цхьа пайдехь гIуллакх хила а тарло.
Вайн республикехь болх бан йолаелла «Россельхозбанкан» филиал. Цигахь лакхарчу даржехь болх беш сан гергара а волуш, соьца болх бина а волуш цхьа стаг ву. Цуо хьийхира суна, шайн банкехь ахархойн-фермерийн бахам кхиорна лерина изза пхи бIе эзар сом яккхий гIоленаш а йолуш кредит эца йиш ю, аьлла. Цунна оьшург керлачу Iедало чIагIдина, хьан долахь латта ду, аьлла йолу бакъонан тоьшалла ду. Цул сов, хIора кIоштана луш дукха миллионаш ахча а ду оцу гIуллакхна лерина. И ахча кIоштан куьйгалхочуьн карахь а ду. Делахь, хIета сан  гIуллакх ваша Гехон кIентан кIентан карахь ду-кх.
Воккхавеш, тхешан кIошта лам чу хьалавахара со. КIоштан куьйгалла аьчкабетонах йинчу кертан тIехьа ду. Деш ха ду царна. Хьаькам мукъа вац, аьлла, чу ца витира со. Кхана веъча а тIе ца ийцира. Юха иза Москвахь командировкехь ву боху. Ас Шовдика зIе туху и хоьттуш:
- Дада, хIунда оьшу хьуна иза?
Юха а айса долийна гIуллакх дуьйцу ас. Цуо боху:
- Нохчичоьнан Iедалехь болу хьаькамаш кхузахь хIора буса ресторанашкахь сакъоьруш бу.
- Хьуна мичара хаьа? – цецволу со.
- Массарна а хууш ду и.
«Хууш делахь а, сан гIуллакх а ду», хоьтту ас:
- Цуьнан телефонан номер карор  юй хьуна?
- Эшахь, хьожур ю.
- ЧIогIа оьшу. Суна кредит лур ду аьлла.
ШолгIачу дийнахь ваша Гехон кIентан кIентан  номер йийцира йоIа.
- Цуьнца къамел ца дича гIолехь ду хьуна.
- ХIунда?
- Боьха хIума ю и.
- Ваша Гехон тIаьхьенна и саннарг ма ала. Хьуна ахча оьший?
- Ца оьшу.
- Цхьанхьа доккхуш ю хьо?
- Иштта, концерташ…
- Концерташ бен! Со юбхьIаьржа ма хIоттавелахь!..
- И совнаха ду, Дада. Схьа маца вогIу хьо? Хьуна дарба оьшу.
- Кестта ахчанца дерг а къастийна дIавогIур ву.
Шовдас аьлларг бахьанехь ваша Гехон кIента кIанте зIе ца тухуш Iийра со цу дийнахь. ШолгIачу дийнахь туьйхира. Сан аз а девзина, вуьйхира иза. Шен номер суна муха хиъна хоьттура. Шовда а ца хьиехош, цхьаъ элира ас, цхьана вевзаш волчо елла аьлла. Цул тIаьхьа, соьга могуш-паргIат хоттуш хьасене ваьлла, леррина сан гIуллакхе ладуьйгIира цуо. Цхьа ши де даьлча зIе тохий шена дагадаийта а элира. Ша командировкера цIа веъча соьга схьатухур ю  а элира. Оха шимма къамел дечу хенахь делкъал тIаьхье яра, цуьнан мотт тийсалуш санна хийтира суна, хIума юуш хила а мегар и.
Ас цуьнга ши де даьлча зIетуьйхира. Цул тIаьхьа шина дийнахь кхин а пхоьазза зIетуьйхира ас цуьнга. Жоп луш вацара. «Цу номеран хьашташ кхочушдеш дац», - хезира суна. Суо сайна резавацара со. ЙоIа ала ма аьллера соьга цаоьшу и хьиеван.
- Муха ду? – хоьтту  Шовдас.   Дикох ду.   Оцу   боьхачу   хIуманера дика болх хир бац.
Со вист ца хилира. ЙоIа тIетуьйхира:
- Хьо воцчунна массарна а хууш ду иза. Ямартхо хиларна орден а, дарж а делла цунна, ахча а делла. Иза а дитий, Дада, схьаволахьа, хьайна дарба лиеладехьа.
И дан диезаш дара. Сайн дерриг а дегI малделча санна хиетара суна. Оцу ахча ца хиларо и дина моьттуш туьдура ас. Суо цхьанна диекхарийла вахча, синтем бовш вара со даима а. Ткъа кхузахь соьга а шозза хаам бинера, цул тIаьхьа банкера хаамаш богIура, кредит такхаран бакъонаш ас талхайо, бохуш.
Луш алапа ца хилча, ас муха ларйийр ю и бакъонаш? Цхьаммо бохура соьга, яздайтахь, тIом дIабаьлла, бомбанаш еттар яц. Суьдехула и къастале шераш девр ду. ТIаккха Молнесартана дайна, я ша лийр ву, я вир лийр ю. Я кхин цхьажимма тIом хилахь, цунна тIеяздийр ду. Хьан хIусамаш бомбанаш тоьхна йохийна ю. И аш  меттахIоттае. Иштта ала ахь суьдехь. Цхьамма иштаниг дан а тарлора. Соьга далур дац. Диекхарийлахь хила а ца лаьа. И хIусам а, сайн лаьттан дакъа а дIадохка сацам бира ас, йоIах дага а ваьлла. Шовда ас динчунна реза ю, со Москва дIавогIу аьлла, йоккхаеш а ю.
Муха юхкур ю? Итт шо хьалха, хьалхара тIом а хилале и хIусам, цIа а ас цхьана пенсехь волчу мехкадаьттахочуьнгара ийцира, и кхузара дIавоьдуш а хилла. Даиманна а дIавахара иза, кхузахь вина а, кхиъна а велахь а. ХIинца со а ву изза пенсионера-мехкадаьттанхо. Сан ваха меттиг бац, диекхарх кIелхьаравала  гIерташ  ву. Ас юхкушъерг хIун ю? ХьакълагIа.
Сан хIусам  цхьа цIе ю. Со воцург кху цIа чохь Iаш стаг а вац. ЦIа ду ала хала ду кхунах – тIехь тхов а, чохь хи а, йовхо а яц. Хьалаволу лами а боьхна бу. Жимма хIума меттахIотто-м ларийна со. Делахь а юьззина хIусам яц-кх хIара. Амма, берахь дуьйна сайна берийн цIийнахь дуьйна Iамийна ма-хиллара, кехаташ чIогIа  лерина лиелош, Iалашдеш ву со. Законаца нийса а догIуш и кехаташ цIена хилар бахьанехь, цхьа хIайтаьллачу жимчу стага и бахам соьгара ийцира.
Сайн диекхар а дIатекхира ас. ЦIеначу дагца Москва ваха новкъавелира со. Шовда а, со а тхьаьш цхьаьна кхиетарах даккхийдеш вара. Цхьаьна бохург-м дацара и.  ЙоI юкъараIойлехь яра. Ас цхьана  ханна аьлла, квартира лаьцнера. Цхьана мехкдаьттан компанехь сайн болх хиларе сатуьйсуш а вара со, зеделларг долуш суо хиларе терра.
Шовдас цкъа хьалха могашалла муха ю хьажийта боху. Сайн лога тIера буьччалг йоккхахуьлуш хилар хаало суна сайна а, гIора а дегIехь жимделла. Садукъдеш легаш дIалиецар дIадаьлча санна дицделла суна. Онкоцентр хьахийча а вуон хуьлу суна. Делахь а, ваха лаьа, цундела сой, Шовдий кхуза кхаьчна. И суна юххехь яцахьара, со тоххарехь кхузара дIавахана хир вара, я кхуза схьакхаьчна а хир вацара. Массо хIума а ду кхузахь цхьа адамашна лерина доцуш санна. Ерриг  Россин онколазархошна  дарбалиелоран  туш  ду хIара. Лекха йина гIишло а ю.
Товш доцурш регистратурина тIера дIадолало. Цомгушниш дIаязбеш цхьа готта кор ду. Цунна дехьа Iаш цхьа ханъяьлла кIоршаме зуда ю. РогIехь лаьтташ вуно дукха адамаш ду. Уьш массо а чIогIа цомгуш бу. Со-м царна хьалхахь могуш ву ала мегар ду. Соьга, хьан хIун лозу а ца хоттуш, со вехаш Iачу меттера квота схьагайта элира. Со шолгIачу дийнахь кеман тIе а хиъна цIа веара. ЦIа сан мичахь ду? Пенси ваханчул тIаьхьа буьйса яккха меттиг а боцуш висна со.
Ломан юьртахь лаьтташ дакъа ду. Иштта ду сан дахаран декъаза жамI. ТIеман тIаьхье ю иза. ХIун бахьана долуш? Мила ву биехке? Суна хьалха къера а хилла, соьга бехк ца биллар доьхуш, мила хир ву? Мила кхиетар ву сох? Хьан гIо лоцур ду?
2003 шарахь, референдум хиллачул тIаьхьа тIом чекхбаьлла а дика ду. Амма КТО-н раж цхьаммо а дIа ца яьккхина, жимма паргIатонаш еллехь а нахана шайн ломарчу ярташка хьалабаха бакъа елла. Сан-м кхин агIо а ца йисна, мацах ваша Гехос сайга ма-аллара, сайн дай баьхначу юьрта ваха хьала вахар бен. Ваха аьлча а, сайн йисна хан такха.
… Нохчий махках баьхначул тIаьхьа тхан юьртахь ваха магош дацара. Советан пачхьалкхехь юхадIахIоттор дIадоладеллачул тIаьхьа цхьаболу баккхий нах кхуза хьалаиэха буьйлабелира. Хьалхара тIом буолалуш кхузахь бехаш ткъех доьзал бара. Юха а ши тIом хилча, нах кхузара бевдда бахара, уьш юха хьала ца бохкуьйтура. ХIинца кхузахь эвлаюккъехь бехаш ши доьзал бу. Сан дакъа юьстах лаьтташ ду, цхьа чакхарма хилла диехьа.
Иштта маьршачу ломан дежийлашкахь йохкуш хилла хьалха ярташ. Иштта сан латта а ша лаьтташ ду, гондахьа адам а дац, туьйранехь санна хаза бу хIара мохк! Амма, лаьмнашкахь ваха атта дац. Чу ваха тховкIиело яцахь, ирча хьал ду. Соьгахь жимма ахча дара. Цунах соьга хIун далур ду? Цхьа божал, котаман бун я тоьла яккхалур ю. Юьртахо баьхкира со волчу:
- Кхузахь ваха лууш ву хьо я хьошалгIа веъна?
- Валлалц ваха дагахь ву. Хиндерг Далла бен хуур дац. Бакъдерг аьлча, сан кхин ваха меттиг а бац.
- ТIаккха хьуна цхьа гIишло ян  йиеза.
- Йиеза, - резахилира со.
- Кхийтира, - элира сан юьртахоша, тайпанан вежарша, - вайн Iадатца догIуш ма-хиллара, белхи бийр бу вай.
Иштта нислур ду аьлла, дагахь а дацара суна. Сан юьртахой хилла ца Iаш, гергарниш а, кхечу ярташкара, суна бевзаш боцу нах бара суна гIо деш. Цхьаммо болх бора, вукхо ахча  лора, кхечо ши камаз йоьттина кибарчигаш еара.
Суна хилла  къаьхьа иэшамаш бевзаш, сан дог оьцуш бара уьш. Иэшамаш хиланза мила вара цу хенахь? Сан жимах волу кIант дагалоьцуш а хиллера дукхах берш. Дагахь доцу совгIаташ дира суна. Кхузахь шайн даьхни лиелош суьйли а бу. Царах цхьаъ пеш йотта хууш говза пхьар хиллера. Тхан белхи буйла а хиъна, схьавеъна цуо дика товха а йолуш пеш йоьттира.
Кхин цхьа дагахьдоцург а нисделира. Тхуна гена доцчу дукъал тIехьа дозанхой бу. Цара шайна а, тхуна а лерига некъ а биллина, тIеш а техкина. Ханна къона а волуш, цигарчу отрядан хьаьким – полковник веара со волчу. Тхешан белхех лаьцна ас шена дийцича цуо элира:
- Тхо долчу Сибреха иштта наха гIо до вовшашна. Оха а хьуна гIодийр ду.
Сан гIишло йолчу тIебогIуш некъ бацара. Полковника бульдозер а яийтина, делкъа хан хилале шера некъ биллира.
Кхечу кепара масалш а дара. Тхан кIоштан куьйгалхочо шен нуьхьарш бахкийтира, со кхузахь хIун лиелош ву хьажа. Кехат а сан цIена ду. Царна уьш диеша хаахь, дешча а царна тIехь хIун боху хаахь, тамаш бара. Кхин со хьие ца веш дIабаха. Иштта кхо бутт балале, жимо цIа дIахIоьттира сан кертахь. Ас цунах лаппагIа олура. Чохь мел оьшург а долуш ваха меттиг яра. Жимо сирла сени яра. Шовданера чу кхаччалц резинин марш а балийна, чудогIуш хи дара. Хи ша-шаха схьадогIура, чIинт схьайиллича. Делахь а, и мала дегаза хиеташ, ас шовданан коьртера чудохьу сайна мала хи. Сан цIа чохь ши чоь а ю. Цхьаъ йоккха ю, чохь пеш а, маьнга а, стол а, ши гIант а долуш. Важа жима оти еса лаьтташ ю, схьаягIахь Шовдина, хьаш-да вагIахь а аьлла.
Тхов кIиело йолуш ву со хIинца. Ваха а мегар ду. Ваха а диеза, хала делахь а. Ток а яц, газ а яц. Уггаре халаниг кху гондахьа зIетуоха меттиг бац.
Дедда- юкъа, Шовдига зIе тохархьама, лаха охьа а вуьссуш лела виезара. Цуо доьхура, дарба дайта схьавуола, бохуш. Буьччалг а йоккха хуьлуш яра. Со Соьлжа-ГIала  вахара.
Суна и квота яккха хала хир ду моьттура. Иза сихха схьалуш хиллера. Оцу цамгарца бегаш бан мегар дац, хьалххехь дIаяккха йиезаш хиллера, бохура лоьраша. И квота пачхьалкхо луш елахь а, оцу Москварчу онкоцентре чоьхьавала бакъо луш бен яц. Цу чохь шортта ахча дала диезар ду. Ахчанца сан ледара хьал ду. Цундела, рогIехь а лаьтташ, пачхьалкхан чоьтта гIуллакхдан хьаьжира сой, Шовдий.
Кхаа сохьтехь рогIе хIиттина лаьттича а, регистратурехь анализаш дIаяла хьажийра со. Уьш I2 яра. Цул тIаьхьа лоьрийн комиссино къастор ду дан диезарг. ГIишло чIогIа йоккха ю. Мичахь, муьлха лаборатори ю каро а хала ду. Карийча а массанхьа рогIе хIиттина лаьтта дукха адамаш ду. Жимма хIилла лиелош, охашимма  цхьаццанхьа  рагI  лоцу. Цунах а гIуллакх  ца  хуьлу.
Чухула лиелаш лорйижарий бу, рагI йоцуш «шайн» нах чекхбоху цара. Кхойтта сахьт даллалц бен болх беш яц и лаборатори. Хьалхарчу дийнахь цхьа анализ бен дIаялар ца хилира. ШолгIачу дийнахь кхин кхоъ бен ца елира. Со а, Шовда а чIогIа гIелделлера. Хьайн диешаре, гIуллакхе хьажа боху ас цуьнга.
- ХIан-хIа, - хададо цуо. – Со хьуна юххехь хила йиеза.
- Оццул ханна диешарна юккъера яла мегар дац хьуна.
- Сайн   ден   дуьхьа   мегар ду.    ХIинца   вайшинна   хIара   меттиг евзина, сихо хир ю.
Аьттехьа а дацара и. Тхо тIе а ца оьцура. Нохчичуьра баьхкина дукха онколазархой бара кху чохь. Цара массара а бохура: «Фирмехула бен гIуллакх хир дац…»    Фирме дахара   тхойшиъ.   И фирма   а    кху чохь ю.   Цигахь а лаьтташ рагI ю-кх.  Дечу  гIуллакхна долларшкахь мах бала а биеза. Дукха ахча делла шина дийнахь анализаш чекхъевлча, гучуделира сан буьччалг кхераме дестар хилар. Америкехь кхаа шарахь болх бина а волуш дика лор ву аьлла, цхьана лоьрана тIехьажийра со. И хиллера ерриге отделенин куьйгалхо, лекхачу дегIахь а волуш, лоьрах чул банкирах тера а волуш стаг. ХIара дерриге а гIат шен дола а даьккхина, пачхьалкхан тхов кIелахь долахь клиника а йиллина, кху махкахь ша саннарг кхин вац бохуш Iаш вара иза.
Соьга    схьа    а ца хьожуш сан анализаш а теллина,   тIаьххьара чIагIдеш элира цуо:
- Суна кхин цхьа анализ а оьшу, - кехат яздира цуо. – ХIара сан лакхарчу лорйише дIало. Цуо чекхвоккхур ву хьо. Ши бIе доллар дала диезар ду.
Дуьхьала хIума ала а ца хIуттуш аравелира со. ШолгIачу дийнахь со юха а и волчохь вара.
- Иштта, - чIагIдо цуо. – Операци йича бен ма-дарра сурт гур дац.  Нагахь санна, цамгар яьржина яцахь, буьччалг дIа а яьккхина цIанйийр ю вай. Цуьнан мах кхо эзар доллар бу. Нагахь даьржинехь, къамкъарг хадо йиезар ю. ТIаккха катетер хIотто йиеза. Пхи эзар доллар а, катетеран мах а.
- Катетер бохург хIун ю?
- Коридор чохь ца гина хьуна?
- ХIан-хIа! – мохь болу соьгара.
Шек а воцуш, соьга а хьожий боху цуо:
- Хьайн  бакъо ю. Дарба лиело дуолале хьалха пхи эзар пхи бIе доллар схьадала диеза.
- Суна катетер ца оьшу, - дехар до ас.
- Операци йичи бен хуур дац иза. Ца иэшахь, цуьнан мах юхалур бу хьуна.
Со ойланашка вахча, боху цуо:
- Сацам бина вала, арахь лаьтташ кхин а нах бу.
- Муха дала диеза? – хоьтту ас.
- Дагар дина пхи эзар пхи бIе охьадилла диеза. Кхана хьо а охьавижор ву. Ши-кхо де даьлча операци хир ю.
- Цул тIаьхьа?
- Цхьа кIира кху чохь доккхур ду ахь.
- Цул тIаьхьа?
- И ша къаьстина къамел ду.
- И бохург хIун ду?
- Ахь ахча даларе терра бохург ду, - ца вешаш неIаре пIелг хьажийра цуо.
Сан кхин а дуккха хаттарш дара цуьнга, амма лор шен компьютер чу вуьйлира. Шийла хьацар а тоьхна, цу чуьра со араваьлча, Шовдас мара а къевлина, куьг хьоькхуш сатедора сан.
- ХIун элира цуо?
Ас доцца дIадийцира.
- Боьха хIума, - чIагIдира цуо. – Катетер ца оьшу. Кхузахь Iийначу цхьана  лазархочо хIара йоза яздира соьга: «ДIагIо кхузара! Ахчий бен кхин дагахь хIума доцуш къиза стаг ву иза».
Со и кехат доьшуш а волуш, чуьра аравелира лор. Соьгарчу кехатах бIаьрг кхийтира цуьнан. Ас  буйнахь хьарчийра и йоза. Амма лор дерригенах а кхеттера.
- Отделени  дIакъовлал! Лазархой кхучухула кхерстачух тера ду. Уьш хIунда лиела? – юха соьга а хьаьжна. – Хьо айхьа дендерг къастадай вала чехка. Ши кIира даьлча со отпуске воьдуш ву.
- Бехк ма биллалахь, шаьш дечунна хIун жоьпалла ду шун? – цIаьххьана хаьттира цуьнга Шовдас.
 Цецваьлла кхуьнга хьаьжна:
- Хьо мила ю?
- Со кху лазархочун йоI ю-кх.
- ХIа-а! – юха а когашкара коьрте кхаччалц леррина хьаьжна, суна тIе а вирзина боху: - Со профессор, лор ву-кх. Кхуьнан анализаш а го.  Сихоян езийла а хаьа. Ткъа жоьпалла а, тоьшалла а, юкъарахилар а, - ши куьг хьала а дахийтина хьала хьаьжира иза. – Цкъачунна шуьгахь ю харжа бакъо, - сихха дIавахара иза.
- «Цкъачунна» бохург хIун ду? – реза яцара Шовда.
Со холчохь вара, кхиеташ а вацара хуьлуш долчух. Шовда каде хьаьвзира. Цкъа хьалха со кафе вигира цуо. Яа дог дацахь а, хIума яийтира соьга. ТIаккха оцу Центран хьалхарчу бешахь цхьана гIанта тIе со охьа а хаийна.
- Дада, со сихха схьайогIу хьуна цу чухула жимма йола а елла, хIун ду а хьаьжна.
Дикка хьеелира иза, сан сагатдеш. ТIаккха гучуелира, цхьаъ бен йоцург. Бос баьхьна а, къовламе а ю.
- Дада, вай цуьнга дарба дойтур дац. Массарна а гIоли йийр ю ша бохуш, катетерш хIиттош ву боху иза. Иза ирча сурт ду! Лор вац и, бизнесмен ву. Нехан лазарца, цара хьоьгучу халонца а бала боцуш, ахча  доккхуш ву.
- Дика ду, - боху ас. – Вай хIун дан диеза?
- Москвахь кхин  дуккха больницаш а, лоьраш а бу. Суна хьехна. Цуьнгара анализаш схьа а эцна дIадаха диеза вайшиъ сихха.
Тхойшиъ лифт тIехь оцу цхьайтталгIачу гIат тIе хьаладаьлча, дуьхьала йолчу лифтан неI дIакъавлаялале го тхуна цу чохь дукха адамаш а, царна юккъехь и лор ву карахь портфель а йолуш.
- И стенга воьду? – хоьтту Шовдас лакхарчу лорйише.
- Белхан де чекхдаьлла. ЦIа воьду-кх.
- Вай а доьлху! – Шовда яра хьалхаяьлла.
Тхан лифт подвал чу охьадоьссира. Цу чуьра арайолуш йолчу машенна дуьхьал иккхира Шовда. Куьзга охьадахийтича, цецваьлла, резавоцуш лор вара. Шовдас боху:
- Бехк ма биллахьара, тхайн анализаш схьаоьцур яра оха.
- Уьш соьгахь ю моьтту шуна? – цецваларца хоьтту цуо. Машен дIайолаелира, юха саца а сецна, ара а хьаьжна боху цуо:
- Шун квота йовр ю.
- Аш мах боцуш хIуммаъ деш ца хилча, квота стенна оьшуш ю?!
- ХIе-хIе! Квота йоцуш шу кху чу дуьтур дац. Дитахь а мехаш кхечу кепара хир ду. – Машен дIайолаелира. Шовдас юха а хоьтту:
- И катетер йоцуш толур вуй хьоьга?
Машен соцу:
- Соьга далур ду и. Лоьро дан диекхарийлахь дерг до ас, - машен дIаяхара.
- Дада, цуьнан машен гирий хьуна? Кхечу лоьрийн машенашка хьажахь.
Суна гондахьа гуш ерриге еза машенаш ю. Шовдас боху:
- Машенан мах масех бIе эзар доллар хилла ца Iаш, цуьнан номере хьажахь – А777АА-77. И номер йоккхуш мел ахча дала диеза хаьий хьуна? Хьа-хьа-хьа, - цIаьххьана езаелира иза.
- Дада, вай стенна сагатдо? Цуо хьуна катетер хIоттор яц. И дайта вайгахь ахча а дац.
Дукха сингаттаме дацахьара, беламе дара иза. Оха шимма вовшахтоьхнарг ши эзар доллар а дацара. Суна луш долу пенси а баттахь кхо бIе доллар ца кхоччуш дара. Иза къелла ю. Цу тIе сан цамгар а. Амма Шовда къарлуш яцара.
ШолгIачу дийнахь тхо юха а онкоцентре дахара. Тхан лор вацара, кхин а шина дийнахь хир вац, бохура. Шовда бевзачаьргя зIеетташ гучуделира «Пироговн цIарахчу къоман медико-хирургический центрехь» болх беш нохчо-профессор ву аьлла.
Москван къилбаседехьа дахара тхо. Дика дарба деш меттигаш хиллера Москвахь. Нохчочо гIо а деш легашца долчу лазарийн говзанча волчу кхечира тхо. Ханъяьлла, зеделларг долу профессор цецваьллера Шовдас онкоцентрехь долу хьал шега дийцича, катетер хьахийча. Кхузахь сихха буьччалг дIаяккха еза элира. Цунна а квота оьшу. И квота оцу центран цIарах елла хила а йиеза.
Тхо новкъа довлуш вайн махкахочо элира:
- Квота яккха атта хир дац. Тхан Нохчичуьрчу минздравца бина барт бац. И яккха ас гIо дийр ду шуна.
- Лоьрашна мел ахча дала диеза? – хоьтту Шовдас.
- Массарна шовзткъе итт эзар сом. Квота хилахь, кхузахь дерг маьхза хир ду.
- Оха лур ду ахча! – чIагIдо Шовдас. ШолгIачу дийнахь со Нохчичу ваха новкъавоккхуш боху цуо:
- Дада, сихонца квота яккха хьажа. Ахча суна карор ду хьуна.
- Хьуна муха карор ду ахча?
- Со хIинца говзанча ю. Сан концерташ оьшуш а ю. Цхьаболу ладогIархой суна дегаза белахь а.
…Эццахь мало йира ас. Вист ца хуьлуш. Ас хIун олу хьожуш ма яра иза. Ткъа со малвелла,  кхераме лазар ду аьлла. Хилча хIун дара? КIезиг ваьхнера со кху дуьненчохь? Масане къуонаниш дIабевллера… Кхераме цамгар елахь а, ваха виеза-кх. Вай гIелдалар бахьанехь хуьлуш ю и кхераме цамгарш а. Дийца атта делахь а, къелла а, буохам а хилча хала ду. Ша шен къарван а хала ду. Кхин дIа ваха а хала ду. Чолхе ду-кх дахар.
Ларамаза хIуммаъ ца хуьлу. Тахана го суна сайн дахарехь мел хилларг шен бахьана долуш хилар. Халонаша а, баланаша юха а ваха а, къийса а ницкъ ло суна. Ваьхна а ца Iаш, хIора дийнан марзо иэца а. ХIунда аьлча, хIинца сан хIора де тIаьххьара долуш санна ду. И де ас гIайгIане воьжна, дахарх догдиллина ца доккхуш, дахарх воккхавеш даккха диеза. Со охьатаьIна а вац, сагатдеш а вац. Сан Iалашонехь цхьа сатийсам бу. Цу Iалашоне со кхочур а ву.
ХIинца со иччархо ву, ткъа иза экха ду. Сан дагара шена хиъча, гIадвахна велалур вара иза. Со чIогIа цомгуш а ву, сан хан чекхйолуш а ю моьтту цунна. И дахар, хьо тешаш а, яздеш а, хьайн Iалашоне воьдуш а хьо велахь йистйоцуш а, хаза а ду!

11 июнь, Iуьйре
Кхузахь Каширкерчу онкоцентрехь ву со. Суна-м дуккхаъчу лазархошна а кIордийначу, тхан безам боцчу гIишлонна чохь. ХIинца дерриге а чекхдаьлча санна делахь а. Цхьа зама яра. Ма чехка йоьду хан! И дагалиеца а, цунах лаьцна яздан а ца лаьа. Долийна къамел чекхдаккха ма диеза. Ма-дарра дуьйцур дац. Цхьаъ ца хилча важа ца нисло-кх.
Керла квота яккха Соьлжа-ГIала кхечира со. Дуьххьарлера Президент кхелхинчул тIаьхьа республикехь чолхе хьал дара. Iедалца долу гIуллакх къаьстина ца хилар ду уггаре вониг. Политика юьйцучохь дац сан хьал, со минздраве вахара. Цигахь а керла хьаькамаш бу. Мухха делахь а хьо хьайн цIахь ма ву. Бевзарш а бу. Цара гIо дича а, ахча ца хилча, квота хуьлуш яц. Республикин минздраво дуккха  а  ахча  ло  суна  дарба лелорна.
Пироговн цIарахчу центре суна квота яла а кийча бу, амма хьалха Каширкерчу онкоцентре елла квота схьая я дIаяйъа боху. Суна тIера шозза ахча далар нийса а ма дац. Шаьш онкоцентре хаам а бина, хьалхалера квота юха йоккхур ю. ТIаккха керланиг кечйийр ю боху минздравехь. Цунна масех де оьшу.
Со ламчу хьала вахара. Москва а, Соьлжа-ГIала а йитча цигахь синтеме ду. ЗIе туоха аьтто бацара. Шовдина сагатдо ас. Иза а хир ю суна сагатдеш. Цхьа кIира даьлча охьавеара со. ЗIе гучу ма-еллинехь, Шовдига дIатоьхча, цуьнан телефон тIекхочехь яц боху-кх. Доьшуш хир ю-кх аьлла минздраве вахара со. Цигахь боху, онкоцентрехт шайна дуьхьал вистхуьлуш стаг вац. Цхьаъ Москвахь тIе а вахана меттахбаха биеза уьш. И Шовдига далур дара. Амма цуьнан телефон болх беш яц-кх.
Даго цхьа вуониг хьогIуш, цуьнан ненайиша йолчу вахара со. И шиъ вовшашца  даима а зIе йолуш яра. Со уьйтIа кхаьчча, цхьамма сан цIе яьккхира. ТIаккха хеза суна: «Миска Шовда яI!»
Сан когаш малбелира. Зударийн а, берийн а тоба суна дуьхьала хьаьдира. Сайн кийра хьаьвзина синхаам бийцалур бац соьга. Иэша ца оьшу. Суна дарба дайта Шовда ахча даккха дагахь хиллера. Хьалдолуш волчу цхьана нохчочуьн кIантана  зуда ялош меттиг хилла.
Ловзар массо а хьиегош доккха дан лерина хиллера. Москвара гIарабевлла нохчийн артисташ а кхойкхуш. Ваша Гехон кIентан кIант а хилла цигахь билгалвала лууш, Шовдица шен зIе йолу дела. Ша хилла яьлла оперин йишлакхархо а ю, шоьтан а, кIиран а шина сарахь ша нохчийн а, оьрсийн а, ингалсан, итальянски а меттанашкахь ворхI йиш локхур ю, шена ши эзар доллар ахча хила и диеза, аьлла барт бина хиллера Шовдас.
Шовдас сох лачкъийна хиллера и. Цуьнан ненан йишина хууш хиллера ма-дарра. Москвара схьаеъна а артистийн тоба тIеоьцуш, цу шина а сарахь оцу ловзаргахь хьийзаш а хиллера ненайиша.
Шовдех инзарбевлла хиллера массо а хьеший. Нехан дехарш кхочушдеш, ворхI лекхна ца Iаш, вуьрхуьйттаза йиш лекхнера йоIа хьалхарчу сарахь. Буьйсанна сахьт даьллачул тIаьхьа хIара шиъ цхьаний ненайиша йолчу схьаеъна хиллера.
ШолгIа суьйре мелла а кхечу кепара хиллера. Республикин куьйгалхойх а болуш цхьаберш, беза хьеший гулбеллера цу сарахь. Юха сакъийринера. Юург-мерг шортта хиллера. Маларш а чIогIа мийлинера. Ткъа Шовда гучуяьлча юха а массо инзарваьллера. Оцу бехначу хьовсархошна классика муха гойтур ю? Сакъерар дахделла. Шовдина а, кхечу артисташна а кхин а совнах ахча лур ду аьлла. Сакъоьруш Iачохь цхьана «виезачу» хьешан Шовдига безам бахна хилла. И омра санна кхочушбан биезаш лаам хилла.
Юххехь ненайиша ю. Ханъяьлла йоккха а ю иза. ШолгIа буьйса а йолуш, гIелъелла а хилла йоккха стаг. Мухха делахь а, цуьнан тидам а боцуш Шовда кхечу артисткашца тIехьарчу керта яьккхина, кхечу меттехь концерт дIаяхьа йиеза, аьлла. Шовда дуьхьал яьлча, нуьцкъаша лаьцна дIайигна иза.
Ненайишас и коьртахяьккхича, Шовда гуш ца хилла, гондахьа хьийзаш бехна божарий а, буьзна гIелбелла зударий а хилла. Ненайишас мохь хьоькхуш гIовгIа яьккхина. И кхерийна а дIатеян  гIоьртина вуьйш, цхьа вехначу стага тоьхна а хилла цунна. Цигахь и дов марсадаьлла, зудчунна тIехIитта хьалдолуш бацахь а, тайпанан нах хилла. Сахуьлуш, цара дIахецнехь а, я едда кIелхьаръяьллехь, ерриг а бедарш а этIийна гучуяьлла Шовда. Соьга кхайкха лам чу стаг вахийтина а хилла. Со суо схьакхаьчча, соьгахь  долу  хьал  муха  дара?
Шовда ца гойтура суна. Суна и ган а лаьарий-техьа?  Цул тIаьхьа юкъалеларш гучубевлира. Молланаш а, къаной а дIасаоьхура. Шортта ахча лур ду шаьш бохура, ас уьш оьрсийн а, нохчийн а маттахь гена дIахьовсийра. ТIаккха цхьана моллас шен накъосте шабарш деш санна элира:
- ХIара стенна вазвелла? И артистка ю-кх. Москвахь дола деш стаг а воцуш Iаш ю. Цигарчу ресторанашкахь йиш лоькхуш, муьйлуш, сакъоьруш а ю. Суна яьккхина хьажгар* гина-кх йоца юбка а юьйхина и хьийзаш. ХIинца базлуш бу.
Корта хьере а хилла и виен дагахь чукхоссавелира со. Масех стага хала
сацийна юха ваьккхира. Цаьрга и далур а дацара, цIаьххьана сан легашка шед а хIоьттина, хуорамо со ца  хьовзийнехьара. Хих къурд бича а гIоле ца хуьлуш, со больнице а вигна, цигахь суна маха а тоьхна, охьавижо гIоьртира лоьраш. Со дуьхьалвелира.
Сайн йоьIан сиI лардан кийча вара со. Сан а, Шовдин ненайишин а гергарчара чIогIа гIолецира. Тхо дукха а, герз долуш а дара. Уггаре хьалха оха жоьпе озийра и ловзар хиллачу кертан дай. Шен уьйтIахь йиттина охьавиллира  и хьаькам.
Цул тIаьхьа тхан зударшца и сацийнарг кхин ца хилийта лерина цхьа-ши гIуллакх кхочушдан дагахь а дара тхо. Эццахь цхьа кхин хIума юкъадаьккхира цара. Шовда, вайн ширачу Iадаташа магош ма-хиллара, ядийна яра аьлла схьахьедира. ТIаккха и гIуллакх дайлуш дара. И саннарг хIора юьртахь нислуш хIума ду. Захало а дина, гергарло чIагIдеш дерзо диезара и. Уггаре суна халаниг и сан нуц хила гIертарг ваша Гехон кIентан кIант ву бохург дара.
Массарна хууш дара тхан юкъаметтиг муха ю. Иза Шовдига биезам болуш вуйла хаьара хьалхехь дуьйна. Амма Шовда и виезаш яцара. Цул совнах, цуьнан зуда а, бераш а дара. ХIара дов дIадерзор а хуьлуш, шен лааме а кхочуш, гIуллакх нислора ваша Гехон кIентан кIентан…
И захало хилахь а, тIаьхьало йоцуш, Шовдина иэшам хуьлуш дара. Делахь а, хIара дов дIадерзадора цу гIуллакхо, эшнарш сой, Шовдий а долуш. Суна сайн йоIан тIехь ницкъбойла а, хьийзайойла а ца лаьа. Цуьнан сий соьгий бен ларлур дац. Цунна хIун хиета хаа лаьа суна. Суна и ца гойту. Эхь хиеташ, сох кхоьруш хир ю иза. Телефоначухула къамел дайтира тхойшинга. Цунна хьехарш динийла, зулам ца оьшийла а, хьайн ден могашалла ларъе баьхнийла хаьа суна. Сайн дагахь, масане  маре йоьду йоI, цул тIаьхьа йита а юьту. Ша артистка хила лууш хаьржина некъ бу!
- Хьо реза юй? – халла ала делира соьга. Дикка Iийначул тIаьхьа елхаран къурдаш а деш йистхилира иза: - Ю,.. Дада!
- Делан наьIалт хуьлда хьуна! – телефон охьакхоьссира аса.

11 июнь, буьйса
Ахча бохург онда ницкъ бу. ХIинца дийнахь кхузза-доьазза со волчу чуоьхуш волу и лор кIордийна суна. Шена ахча делла хиларна велакъежаш, тергоеш ву чIогIа. Шовдас шортта мах беллачух тера ду. Цундела суна гондахьа хьийзаш ву. Чов дIайоьрзуш ю. Суна гIоле хиета. Лама аравер ву кху чуьра. Цу дийнахь Австре дIавоьдуш а ву со. Шовда а, цуьнан кIант а ган чIогIа лаьа. Сагатделла. И яцахьара хIун дийр дара ас? Дика йоI ю! Ткъа со? Нийса варий со хIетахь? Вацара. Цуьнан гIо лаца диезачохь и бехке а еш, дIавирзира со.
Сан докъазалла а, шалхадаьлла дуьнене хьиежар а дара иза. Цкъа делахь, сайн йоIа консерваторехь доьшийла лууш, цунах артистка хилийта гIерташ ву со. Вайн юкъараллехь оцу  артисташка, жухаргашка санна хьоьжу, даккхийде царах, даша а ца диеша. Москвахь а, дуьненчохь а лоруш гIараваьлла, я хьолах вукъвелла ца хилча, башха тергал а ца во вай вешан махкахо-артист.
Сан Шовда оцу халонехь  чекхъяьлла шен сатийсаме кхочург хиларх теша со.
…Мел хала дара цунна. Суна а дацара атта. Сайн йоI ца йиезаш а, цунна са ца гатдеш ма вацара со. Цуьнца къамеле волуш ца хиллехь а. Ламчу хьала а вахана суо Iаш хиллехь а, цуьнан ненайишехула Шовда хIун деш ю хаьара суна. Шен къона зуда ваша Гехон кIентан кIанта цхьадика Москва а йигна, квартири чохь яха а хаийнера. Хьалхарчу цхьана-шина баттахь кест-кеста Москвахь гучуволуш а хиллера. Цул тIаьхьа ша а ца вогIуш, шен меттана ши накъост а ваийтина  Шовда ша йитна аьлла хабар даийтинера.
- Квартира? – хаьттинера Шовдас.
- Цунах дерг шайна ца хаьа…Хьайна хуур ду хьуна.
Квартирин дай кестта гучубевлира. Шен сал-пал а эцна цу чуьра араяла дезнера Шовдин. ХIуъу хилча а, Шовдас шен диешар дIа ца тосуш чекхдаьккхира. ХIинца дипломана кечам беш а яра. Баттахь шозза цхьацца бахьана а доккхий Соьлжа-ГIала Шовдин ненайиша йолчу воьдура со. Цуо а, ала дашна бохург санна, дуьйцура Шовдех лаьцна.
Цкъа шегара долуш санна кхо эзар доллар а кховдийра соьга. Суна-м хаьара и Шовдас даийтина дуйла. Дика ду цуьнан ахча долуш. Схьаоьцур дац аьлла дуьхьалвелира со.
- Хьуна дарба лиело диеза. Операция ян а йиеза, - боху Шовдин ненайишас. – Хьуна тIехь бос а бац. Макхвелла хьо. Цомгуш ву. Москва дIагIо катоххий!
- Со могу шву, - боху ас. – Цхьанхьа а гIур вац. Ломахь тийна ду. Хан кхаьчча, цигахь лийр ву.
Соьгара хьал ледара ду. Цомгуш ву со. ЧIогIа цомгуш ву. ХIума ца яало, дегIехь гIора дац, кийрахь сингаттам а бу. ХIинца сан хIора дийнахь садукъдина ца Iаш, лергашна потт хIоьттина, дегI а дайлуш ду сан. Даима шеллуш, пеша юххе гIерташ а ву со Ишттачу муьрехь юьхьанца со волчу гергара нах а, юьртахой а богIура, юург яхьаш, я ахча кховдош. Ас схьа ца оьцу. Цхьаволчо олу: «Соьлжа-ГIала, я Москва гIой хьайна дарба дайта. Цомгуш ма ву хьо!»
Оцу къинхиетамечу къамелаша  кхин чIогIа холчухIоттавора со. Карзахволий резавоцуш хуьлура со. И схьаоьхурш лагIбелча, суо цхьа висча дика хиетара суна. Иштта чIурам санна даьгна чекхдолуш дара сан дахар. Наггахь арахь йоькхана хIоьттича, цIергахь даьгна долучу   хьаьштигех хьалалетта цIе санна, сан кийрахь а цхьа серло кхетий, денлой араволура со сайн лаппагIи чуьра. Лаьмнашка хьалавоьдура. Юьхьанца хала хуьлура, виехьар доладелча юхавоьрзий, чу кхачахьара олий хуьлура. Хьацар тоьхча дуьне серла долий, кхин а лакха хьалавоьдура. Гена дIагIур вара со, гIора хилча. Амма гIелвелла, мацвелла, ваха а лаьа суьйренга лестича. Иштта денош кIезиг хуьлу. Буса наб ца кхиета, холчохь ву со. Iуьйранна сайн лаппагIи чуьра аравала а дог ца догIу.
Цкъа ломара охьавоьссича сайн неIсагIехь Iуьллуш конверт карийра. Цу чохь  кхо  эзар доллар дара.  Шовдин  ненайишас  иза  ца деънийла  гуш ду.  Къена а   ю   иза,   еъча со ца гуш дIа а гIур яцара.   Керла ваийтинчу    меттигерчу милцох шеквара со. И ваийтича хаза а хийтира суна, юьртахо хилла ца Iаш, сан жимах волчу кIентан накъост вара иза.
Ас ша декъалвина и ахча мичара даьлла  шега хаьттича, шена хууш хIума дац бохура цуо:
- Гой хьуна, Дала ахча даийтина стиглара охьадеъча санна. Сихха Москва а гIой,  хьайна  дарба дайта.
Шовдас и ахча даийтина хиларх шеко яцара сан. Эхь хиетахь а, вахана сайна дарба дайта а лаьара. Юхаъ цигахь Шовда сайна гарна кхоьруш, цуьнан бIаьра муха хьожур ву ца хаара. Дерригенна а суо бехке вуйла хаьа суна. Ткъа хIинца кийрахь цхьа эккхар хилча санна, къайле гучуелира!
Со рогIерчу кхарстарера юхавирзича сан неIсагIенехь кхин цхьа конверт а карийра суна. Цу чохь видеокамерица яьккхина жимо кино яра. Цунах куьг Iоьттича цхьа дегазалла йоьссира сан дагчу. Селхана ахча дахьаш веанчо и еънийла кхиеташ дара. Тхан къакъаршкахула хийра нах ца лиела. Меттигерчу милцочо шена хууш хIума дац, бохуш белшаш сеттаяхь а, цунна ца хууш хуьлийла дацара.
Шовдех лаьцна цхьаъ ду-техьа? Ресторанехь, я кхечанхьа тIеяьккхина-техьа? И суна а гайтина, со хIаллакван лууш дина хир ду-кх. Ваша Гехоца болчу лерамна, цуьнан кIентан кIант дагаваийта ца хIуттура со. ХIетте и кассета цуо схьаяийтина хила мега, бохург дара суна тарделларг.
ХIара меттигера милцо цуо куьйгалла деш вара. Цо Шовдас ахча даийтина аьлла шен хьаькаме дийцина хила тарлора. Шовдин мар хиллачо ша хьан йоI хIунда йитна хаий хьуна, аьлла и сийсазъеш долу сурт даийтина хила мега бохург дара сан дагахь. Суна и ган а, хаза а ца лаьара. Кхузахь цуьнга хьажа гIирс а, ток а яцара. Буьйса юккъе яхча ара а ваьлла, Iин долчу агIора дIакхоьссира  ас и кассета.
Дагна хьаам хилира. Дика куьйгаш а дилина, ламаз карла а даьккхина, масех ламаз а дина, массарна а къинтIера а ваьлла, дохко а ваьлла, синтем а, цIеналла а хааелла  дIавижча  дика  наб  кхийтира  суна.
Цхьа ирча гIан гира суна. Цхьа балехь волу  заьIапхо вара соьгара орца доьхуш. Дахкарлахь санна юьхь-сибат ца къаьсташ, генахь хуьлу иза. Зебех тера ву. Къона ву. Сан жимах волу кIант!
Сахиланза дара аса араваьлла и кассета лоьхуш. Яй хиларна гена ца кхоссаелира, хIуммаъ хиланза бацалахь Iуьллура. И кассета чохь а йитна, Соьлжа-ГIала вахара со. Суна цIахь ток хилийта генератор оьшура. Цо йоккха гIовгIа а йийр ю, хьожуш новкъарлоеш. Цундела ас онда аккумулятор а, ток хуьйцуш  йолу  реле  а  ийцира. Дика  видеогойту гIирс а ийцира.
Буьйсанна ханъяьлча, арахь тийналла хIоьттича, коре шаршуш а оьхкина, кассета чуйиллира ас. Суьрташ дуьйлалушшехь хиира суна Шовдех хьакхалуш и хIума доцийла. Шуьйра сурт ду, болх беш микрофон а ю, операторан садиеIар а хеза. Геннахь гуш адаман гIаларт ду. Хин тогIи, Iай-бIаьсте къастаза, гуш ло а ду маьI-маьIIехь. Оцу гIалартан юьхь гуш яц. Букъ берзийна ву иза. И сурт дехха лаьтта. Маьттаза мотт буьйцуш ву оператор.
- Стенга вахана и…? Плёнка кхачор ма ю.
Камера дIайойучух тера ду. Юха долало дIаяздар. И геннара стаг цхьанге куьг лестош ву. Камера хьун йолчу агIора дIайоьрзу. Коьллаш юккъера кхин цхьа гIаларт гучудолу. Верриг а ваьлла цхьаъ хьун чуьра араволу. Дуьхьала куьг ластадо цуо. Цуо бохург хезаш дац.
Оператора шолгIачунна тIеерзайо камера. Со леррина хьоьжуш ву. Цкъа юьхьанца Зеба тарвеллера суна иза. Иштта астагIваьлла сеттина а волуш. Юха цуьнан босбаьхьна, мажъяьлла юьхь схьагича, сайниш санна сийна бIаьргаш долу сайн жимах волу кIант вевзира суна.
ТIаккха и шиъ тIеттIа кхочу, башха марзо йоцуш санна мар-мара кхиета, цхьаъ дуьйцу. Хьалхарниг ца вевза суна хIуъу дарх а. Иза а мажъяьлла ву, бIаьргаш тIететтина пазатан куй а бу. Сан кIанта шена тIаьхьа, хьун йолчу агIора дIавоьху иза, ша хьалха а волий. Эццахь цунна тIехьашха тIе «Стечкин» тапча мосуьйттаза йожайо хьалхарчо. Сан кIанта юха а воьрзий, цхьа гIулч йоккху. Юха цуьнан некха тIе мосуьйттаза тапча кхиета. Иза бертал вужу. Хьалхарчо герз хи чу кхуссу. Камера йолчухьа тIевогIу иза. Оператор волчо цуьнан фамили а яккхале вевза суна ваша Гехон кIентан кIант. И ву-кх!
- Ма охьавилли ахь иза, - операторан аз, - вешина патармаш-м ца кхоий ахь… Иза баккъал а хьан ваша варий?
- ДIасацае хьайн бат, зуд! – тапча тIеерзайо.
- Ахь хIун до? – камера кхийсалуш ю. Кхузза  тапча йолуш хеза. Камера охьаюжу. Юхаъ кхузза, я доьазза тапча йолу. Камери тIе цхьа цIен-кIайн тIуналла Iена. Экран дIалоцуш охьайоьду иза. Лаьттахь хьалабаьллачу хьонкан патарш  го.  И хьошуш эткан айра го.
И этка сайн вортан тIе яьлча санна, садукъло сан. Корта а, дог а, са а лазадолу сан. Цхьа сахьт даьлла хир дара цул тIаьхьа со цIенкъахь меттавеъча. Юха и сурт ган хала делахь а, хьаьжира со. Оцу кассети тIера сайн кIентан тIаьххьара сурт а даккхийтира ас. Шовдас а изза дина хиллера… Иза тIаьхьо хиира.
Ткъа хIетахь сан кийрахь цхьа дIаьвше лоппаг иккхича санна, кийра багош, урс хьаькхча санна пIендарш тIера охьа лазар хьаьдира, со верриг а озийна хабош. Шийла хьацар тоьхна, дог детталуш, халла садоьIуш Iуьллура со.
ХIинццалц Iожалле сатуьйсуш хилла волу, со хIинца ваха лууш вара. Мегарг меттавале, буьйсанна юккъехь сайн иччархойн топ хьулйинчу вахара со. Дукха хан яра со цигахь хиланза. Наггахь хьажа дог догIура. Юха а, аса хIун до цу тоьпах олий соцура. Оьший суна иза? Ца оьшу. Адам хIаллакдан дина герз ду иза. Суна-м и йиц а еллера. ХIинца и мичахь Iуьллу дага а ца догIура суна. И ца карорна кхоьруш а вара.
Сахуьлуш, боккха ши чхьар билгал а баьлла, хьуламан тIехулара тIулган экъа карийра суна. Халла и дIахилийча, сапаргIат делира. Екъачохь Iохкуш дара герзаш. ТIехула Iуьллуш сан кIентан кехат а дара. Массо а хIуманан шен-шен хан ю-кх. И кассета суна гинчул тIаьхьий бен и кехат диеша хан а ца хиллера:
« Дада, къинтIера вала суна дерригенна а. Ахь а, суна кест-кеста гIенах гуш йолчу нанас а аса лиелориг къобал за дойла хьаьа суна. Толам герзаца боцуш, Iилманца буйла а хаьа хIинца. Диеша диезаш хиллера аса. Делахь а, со дохко ца ваьлла. Цхьаъ гIатта виезаш ма вара мостагIчунна дуьхьала. Сох цхьаммо а кIилло ву эр дац!.. ХIинца со чевнаш хилла бIаьхо вац. ЗаьIапхо ву. Юха вагIахь бехказвоккхур ву а боху. Кхин цхьаъ а ду. Тхуна юккъехь ямартхо хилла. Мила ву сайна хаьа моьттуш а ву со. Айса къастор ду. Хьан герзаца и виен ца лаьа суна. И виен виезаш ву со. Бехк ма билла. Шовда а, хьуо а Iалашве».
«Хьан герзаца и виен ца лаьа. И виен виеза». Ас виен виеза…
Цкъа хьалха эвлаюккъе тхешан меттигера милцо волчу вахара со.
- Оцу конверт  чохь хIун яра хаий хьуна?
- ХIун конверт?.. Ца хьаьа.
- И кассета гиний хьуна?
- ХIун кассета?
Гинчух тера ду. Со сихха юхавогIу. Дала схьаделла суна хIара герз. Цкъа хьалха иза а, со а зиен виеза. Цу дийнахь ас и топ кхийссира. Дика герз ду! Со ледара иччархо ву. Топ лиело гIора дац. Куьйгаш иэгадо. Буха хIума а йиллина тоьхча а, нийса дIа ца кхиета. Сайн садиеIар а лардан ницкъ бац. ЧIогIа холчу хIоьттинера со.
Сарахь  гучувелира  меттигера  милцо:
- Хьо варий топ кхуьссуш? Мичара даьлла хьуна герз?
- Хьуна тарделла. Хилча а хьан хIун бала бу?
- Со меттигера милцо ву. Хаам бан биезаш а ву.
- Хьаьнга? Хьайн хьаькам  ву бохучу оцу зуьде?
Резавоцуш, хьерваьллачуьнга санна хьоьжу и соьга. Ас кхин дIа а боху цуьнга:
- Шун тобанна юккъехь мила вара иза? Моттбеттарг а, зуд а дарий? Вист хIунда ца хуьлу хьо? Хьо а и саннарг хиллий-техьа?
- ДIакъовла хьайн муцIар!
- МерIуьрг, соьга боху ахь и? – цунна тIекхийтира со. Иза къона а, онда а ву, ткъа сан сахедаш ду. Цуо со ластийна охьакхоьссира. Ца вешаш, я дагахьбаламца соьга а хьаьжна:
- Кхин цкъа а топ кхуссуш хазахь…
- ТIаккха? – боху ас. – Оцу зуьде хаам бийр бу ахь?
- Суо ларор  ву.
- Муха?
- Атта, - со дIа а теттина сан лаппагIа йолчу волавелира иза.
Со неIарна дуьхьал хIоьттира: - Са докъан тIехула а ваьлла бен…
Цуо тапча гучуяьккхира. Суна тIехьажийна йоцуш, куьг охьадахна дара.
Ас шабарца боху: - Схьатоха. Массо а ямартхоша деш ду и. Сох чIир иэца цхьаъ вер ву хьуна.
- М-м! – оьрсийн маттахь цхьаъ аьлла, шен тапча къайла а яьккхина, машен чу а хиъна, боху: - Ас дIахьедина-кх хьоьга.
Машен дIаиккхира, юха цIаьххьана сецира. Охьа а воьссина хоьтту:
- Оцу кассета тIехь хIун дара?
- ХIуммаъ… Мультфильм яра.
- Хьажийтахь.
- Ас дIакхоьссина иза.
Вист ца хуьлуш вехха лаьттира иза:
- Дарба дайта  диезаш  ву хьо хьайна.
- Суна сайна хаьа хIун дан диеза, - жоп делира ас.
Цу буса наб ца еш, биекхаман сурт хIиттош, ойлаеш Iийра со. Герз соьгахь долуш ду. Цуьнца хIун дан диеза? И боьха хIума Iалашоне мичахь лацалур ву? Цуьнан белхан меттехь. Топ а карахь цига муха кхачалур ву со? Ломахула. Гучувер ву. Дийнахь а, буса а тIехула хьийзаш кеманаш ду. Оццул еза топ а карахь и некъ балур бац соьга.
Цкъа хьалха меттиг талла кIоштан юккъе ваха сацам бира ас. Хьалха санна ха ду лаьтташ, аьчкабетонах йинчу  лекха кертана юххе а ца вуьту. Меттигерчу бахархоша дийцарехь хьаькам наггахь бен кхузахь гучуволуш а вац. Даима Соьлжа-ГIалахь,  я Москвахь ву боху.
Сан аьтто хилира. Цу дийнахь ваша Гехон кIентан кIант кIоште кхечира, шена тIаьхьа хIиттийна шийтта Iаьржа машен а йолуш. Массеран кораш Iарждина дара. Ченан кIур оьккхуьйтуш тIехлилхира уьш. Оццул доккха ха юххе а даьккхина сох ларлуш и лиелахь тамаш бу. Кхин а шортта къинош летийначух тера ду цуо. ХIетте а шайна оьшуш вацахьара, иштта ларвеш хир вацара и Iедало.
Сан Iалашо кхочушъян чIогIа хала хир ю. Соьга и далахь тамаш а бу, со тIемало вац. Хала а, лазаме а ду и суна. Цу тIе йовха а ю. Суо кхиетамчуьра муха ваьлла, сайн цIа хьан схьавалийра а ца хаьа суна.
И буьйса а лазар совдаьлла, са ца даIалуш холчохь яьккхира аса. Ваха лаьара. Москва а вахана, операци яйтар бен, кхин дан хIума дац.
Сахилча гIаш охьаволавелира со. ТIаьхьакхиъначу цхьана машенца чехка Соьлжа-ГIала а кхечира. Iуьйранна доьдучу кеманна тIе а хиъна, Москва кхечира. Цигара аэропорте воьддушехь – онкоцентре. Лор соьга хьоьжуш Iаш санна кийча вара. Ас сайгара кхо эзар доллар дIакховдийра цуьнга:
- Катетер а йоцуш, дарба дехьа суна.
- Ас дан ма-деззара дийр ду. Хьажа диеза. Схьагарехь вуон хьал ду хьоьгахь.
- Катетер а йоцуш, - доьху ас цуьнга, - ахча а ца тоьу суна.
- Ас   сайна   догIург дуьту хьуна.    Лоьро дан   диезарг  дийр  ду.   ЯтIийча бен хуур дац.


12 июнь, де
ХIора адаман дахарехь хуьлу хир ду-кх цхьа ирча денош, айхьа уьш муха лайра-техьа, бохуш, дагалоьцуш. Иштта денош сан шортта дара. Къаьсттина дагаоьху айса Iокху онкоцентрехь даьккхина цхьа де.
Кхана со кхузара араволуьйтур ву, кхин кхуза ца ван дагахь а ву со. Хьанна хаьа. Ас иштта чIагIо хьалха а йинера. Юха со кхуза кхачахь а, хIетахь ас лайнарг кхин тIе ма догIийла суна.
Сайна операци йинчул тIаьхьа со самаваьлла Iуьйре. Наркоз а дикка дIаяланза яра, суна чIогIа хала дара. Накха лозура. Цига куьг Iоьттича – катетер яра! Ас цоьстур вара и лор. Ас мохь хьоькхур бара. Амма со вистхилалуш  вац. Хьала а ца гIаттало со. Воьлхуш ву со бер санна. Соьгахь лазар а, оьгIазло а, гIорасизалла а ю. Соьца оцу жимачу палати чохь Iуьллуш цхьа къена эрмало а ву. Суначул цхьа кIира хьалха цунна а йина иштта операци. ХIетахь цуо воьлхуш, бала хьоьгуш гинера суна. Цуо со волчу агIора куьг а лестош ДIагIо, бохура. Со дIа ца вахча, кехат яздира: «ДIагIо! ХIара ирча хIума ду! Валар гIолехь ду,  хIара  Iазап ловчул». Со Iовдал санна хIетахь виелакъиежара:
- Суна катетер хIоттор яц. Ас ахча а ца делла цунах.
- «Суна а моьттура. Ша хIоттор яц элира цуо. Цунна кхечу кепара дарба лиело ца хаьа. Иштта вай шех дазор ду цунна оьшург. Соьга а ма бехира наха. Со лоьрах тийшира… ДIагIуо! Кхин больница а, кхин лор лаха хьайна. Дозанал аравала», - яздира эрмалочо.
Ахча а дацара. Сайх ишттаниг хьакхалур дац а моьттура, ваха а лаьара. Сох къахетта, лоьро кхоор ву а моьттура. ХIан-хIа. ТIаккха эр ду, кхечу кепара дарба дойла яцара шен, аьлла. Кхечу лоьраша и бакъвийр ву. И лор бакъхила а тарло. Къамкъарг ца хадийча, цамгаран лараш дIаяхалур яцара. Суна хиетарехь, операци йинчул тIаьхьа цхьа гIоле хила йиезара. Ткъа сан лазар кхин а чIогIа карзахделира. Со тергалвеш, соьга хьожуш цхьа адам дацара.
Оцу эрмалочунна юххехь даима а хьийзаш цуьнан зуда а, кIант а, нус а дара. Цара соьга хаийтира, ахча ца делча кху чохь маха а тухур бац, аьлла. Цара мах а белла, сарахь суна капельница хIоттийра. Суна наб кхийтира.
Буьйсанна юккъехь къизачу лазаро самаваьккхира со. Коре гIоьртича и чIогIа къевлина дара, со саннарш ара ца кхийсабалийта. Цул сов, хIора палати чохь видеокамераш а ю, даима йогуш серло а ю, кхузахь хуьлуш дерг тергалдеш лоьраш а хир бу.
Ас лиелориг цхьаммо а тергал-м ца дира. Эрмалочун зуда шен тIоьрмиг чуьра ахча эцна араелира. Цул тIаьхьа гучуелира лорйиша. Суна синпхенах маха туьйхира цуо. Суна юха а набкхийтира. Кхано дерриг а дегI лозуш овдетта долийча самавелира. БIаьргаш схьабиллича суна хьалха лаьтташ Шовда яра. Йоьлхура иза. ЧIогIа хийцаеллера. Азъеллера. Цуьнан тIуьна бIаьргаш кхин а даккхийра  хиетара. Царна чохь гуш йистйоцу бала а, лазар а, сингаттам а бара.
- Дада! – сан куьг шен шийла куьйгашца къуьйлуш охьалахъелира иза. Дуткъа пIелгаш дегадора цуьнан. Сайн уггаре хьоме долчу оцу куьйгашца хааделира суна: Соьгара лазар – мурйоьллачу юьхкан тийжам бу. Кхуьнан лазар – генаш а, орамаш а цистинчу синтаран лазам бу. Цуьнан юьхь-сибатехь гуш дара и
Цергаш  хьакхийра  ас. Цул тIаьхьа соьгара кхин узар ца делира.
- Дада, муха ву хьо? – хоьтту цуо. Вистхила йиш йоцуш хала ду. Велакъажа  гIерта со. Нана-пIелг хьала а бохуьйтуш – «Дика ду!» И гучуяьлча боккъалаъ лазар дайделира. Тхойшиъ цхьана кхетийтархьама и бала лан биезаш хилийла а хаьа суна. И яцахьара хIун дийр дара ас? Суна юххе кхин хийра стаг ца воуьйтуш со Iалашвора цуо цу  чохь.
- Ма дика йоI ю! – олура эрмалочуьн зудчо. И йига кIант велахьара!
Лоьрашна  Шовда   ца   еза.   Цуо лоьрана и «хаспанча» ву аьлла юьхь дуьхьала  дIа.
- ХIара шун долахь а йоцуш пачхьалкхан клиника ю, шуна алапа а луш. ХIетте а тхоьгара къаьънаш ийдеш Iаш ду шу. Шайн диекхарш кхочушде!
Цул тIаьхьа соьга леррина хьовса а буьйлабелира уьш. Шовда соьга хьаьжна ца Iаш, кхечу палати чохь болчарна а гIо деш ю. Цкъа чоьхьа а яьлла шабарца боху: - Кху  чу  цхьа  нохчи  виллина. Луларчу  палати  чохь  ву.
- Схьакхайкха иза! – боху ас куьйга эшарехь.
- Витахь, - куьг ластийра йоIа. – Цхьа кура ву иза. Шен коьртара  шляпа дIа а ца йоккху. Нохчи  ву-кх!
Со кху чохь вуйла шена хиъча, ша со волчу схьавеара иза:
- Маккхал, - аьлла ша вовзийтира.
ТIаьхьо, сан лулахо-эрмало дIавахча, Маккхал со волчу сехьавелира. Жимма самукъане дара тIаккха. Маккхал къамелна тIера хиллера. Иза а, цуьнан гергарнаш а, Казахстанера цIа а ца богIуш, цигахь севцца хиллера. Цуьнан дахар Алма-Атахь дIадахнера. Иза цергийн лор ву, ша хьалдолуш хилар а хоуьйту.
Советан Iедал доьхначул тIаьхьа Соьлжа-ГIала ша схьавар, шен доккха гIалат а лорура цуо. ЦIенош а, шен долахь цергийн клиника а йиллина Iачохь, тIом белира. Со санна цу гIалахь висна хиллера иза. Бомба кхетта гIишло а йохош, зуда а, цхьа йоI а йийнера. Тхойшиннан кхолламаш а, цамгарш а цхьатерра ю. Цуьнан лога тIехь жима буьччалг ю. КIесаркIагчохь яьлла буйннал кхин цхьа буьччалг а ю. И хьулъеш лелош ю цуьнан шляпа.
Хьалхара тIом чекхбаьлча, Казахстане дIавахна хиллера Маккхал. Юха а Нохчичу схьавеънера. ХIинца ша цхьаъ Соьлжа-ГIалахь вехаш ву иза. КIант а ву цуьнан. «Цхьа лартIехь воцу туьллиг » ву, элира цуо кIант хьахийча. Маккхал цунна сагатдеш а, цунах лаьцна дийца лууш волчух а тера ду.
Жима волуш дуьйна гитара лакха лууш вара иза. Рок-музыка йиезаш а хилла. Гитаро шен кIант кхобур воцийла хууш волчу Маккхала иза Москва а вигна, мах а белла, цергийн лоьраш кечбечу университете диеша вахийтира. Ялх шо даьлча Алма-Ата а веъна шен дега диплом дIаделлера кIанта: «Ас хьан тIедиллар кхочушди! ХIинца, хьоме  да, сайн лаамехь ваха пурба луо суна.
Берахь дуьйна музыкант хила лууш вара иза. Юха а Москва вахана музыкантана диеша ваха гIоьртича, лерса аьрта ду аьлла цхьанхьа а тIе ца ийцира иза. Къар ца луш, цхьана тобанашца концерташ хIиттайо шаьш бохуш лийлира. ТIаккха йиш локхуш йолу цхьа оьрсийн йоI а ялийна цуьнца Европе дIавахара. Цигахь кхеран похIма тIе а ца эцна и шиъ дIасакъаьстира. КIантана Европа тайнера. Делахь а, ваха рицкъ лаха диезара. Шен цIера диплом дIа а даьхьна, ингалсан а, немцойн а меттанаш а Iамийна, Германехь шен корматалла бакъеш тоьшалла а даьккхина ханна шел йоккха немка а ялийна, цул тIаьхьа иза а йитна, Австре а вахна Венехь Iаш ву.
Ас Маккхале яздо: «Хьо вехаш ву, кIант Европехь лор ву… Кхузахь операци  ма яйталахь. Катетер хIоттор ю хьуна. КIант волчу дIагIо».
Маккхал вист а ца хуьлу. Ас яздо: «КIантана  хьо цомгуш вуйла хаьий?»
- Тхойшинна къамел хиланза дукха хан ю. ДIавахчахьана цIавеъна вац. Шен ненан а, йишин а кешнаш а ца гина цунна. Документаш дац, аьтто ца хилира, Россехь хила бакъо яц шен, бохуш, бахьанаш хIиттадо. ХIинца Германин паспорт ду цуьнан. Россин паспорт доцуш ву. Ца оьшу шена боху. Вайца  тIе бомбанаш йиттинчаьрца шу муха Iаш ду, боху. Шен нана а, йиша а йийна цара. Москва ван а ца ваьхьа ша, боху. Нохчаллех хIума дац цуьнгахь. И-м сан бехк бара. Алма-Атахь вина а, кхиъна а ву иза. Ас чуьрчаьрга биц цв балийта нохчийн мотт буьйцуьйтура даима. Дуьйцучух кхиеташ ву иза. Нохчийн мотт шена ледара хаьа бохуш, бийца эхь хиеташ вара. ХIинца тIаьххьара хIун дина. Цхьа шо хьалха цуьнан клинике зIе туху ас и волчу, жимма ингалсан мотт хаьа суна. Цхьана йоIа хоьтту:
- Мила Iабдул-Межид Маккхалович Нажмуддинов? ХIара Мюллер Гансан клиника ю.
- Шун лор оьрсий маттахь вистхуьлуш вуй?
- ХIаъ. Цунна дуккха а меттанаш хаьа. Хьо мила ву ала ас. Да ву? ХIокху минотехь, собар делахь.
Жимма Iийна, боху цуо:
- Бехк ма биллалахь, Мюллер Ганс мукъа вац. ТIаьхьуо зIетуохахь.
Ас ца туьйхира. Цхьа кIира даьлча цуо ша схьаетта телефон. Ас хоьтту:
- Мичара Мюллер Ганс?
- ХIинца иштта олу сох. Хьуна  дагадогIий, школехь сох Ганс  ма олура сох.
- Вайн жIаьлех Барбос а олура.
- ЖIаьла хьахийнчара, сан  а ду цхьа хаза жIаьла.
- Мичахь? ХIусамехь?
- Кхин мичахь хир ду и?
- Бусулбана  чохь  жIаьла  лиело  магош дац.
- Папа, самавала! Ткъе цхьалгIа бIе шо ду. Хьо - хIетахьлераниг. Цкъа рок-музыке ладогIа ца  могуьйтура ахь суна, гитара ма лакха олура, бусулба дин а, нохчийн вадд  а талхадо, бохуш. ХIинца сан кIеза а новкъа  гIоьрти  хьуна.
- ЛадогIал цкъа, - боху ас, - ас хьоьга нуьцкъашха ца дешийтинехьара, хIинца и клиника а йолуш, говзанча хир варий хьох?
- И бакъ ду. Цунна ас баркалла боху хьуна. Хьо а кхиетахь сох. Со хIинца воккха хилла. Европеец ву. Европеец хила а лаьа суна. И сан маьрша харжам бу. Бакъо яц сан и дан?
- Яц! – мохь хьаькхира ас. – Хьо сан цхьаъ бен воцу кIант  хьайн цIарах а, цIийнах а ваьлла! Эхь ца хиета хьуна – Мюллер Ганс?
- И хIун ду, папа. И Iабдул-Межид а, Нажмудди а бохучу цIераша сан лазархойх а кхиерабо, и цIераш яха а хала ду царна. Берахь дуьйна суна сайна а хазахиеташ  яцара  уьш.
Маккхалан бIаьргаш тIунделира. Корта охьа а таIийна, бIаьрхиш дIа а даьхна, доккха  са даьккхира  цуо:
- Вайшиннан цхьатерра кхолламаш кхузахь а цхьаьнакхийти. Ахь хьайн кIентах а, йоIах а дозалла дан мегар ду. Сан дахар эрна дахна. Хьанна, хIунда къахьийгира ас… Сох   дисначун  доладан схьакхочур ву… Иштта гIийла жамI ду-кх.
Корта охьабахийтира цуо. Цуьнан Iарехь а сингаттам бара. Кху чуьрчу массеран а санна юьхьтIера бос а мокха бара цуьнан. Сой, Шовдий хIун эр ду ца хууш, цуьнан муха дог иэцалур ду  ца хууш Iара. Шовдегара блокнот а ехна, яздо ас:
«ЗIетуохах цуьнга…Телефонан номер юй  хьоьгахь?»
- Ю, - оьгIазе боху Маккхала. – Ас цуьнга тухур-м яц. ХIинца кху чуьра муххале  а.
ХIетте шен киснара тишъелла блокнот хьала а яьккхина, схьайиллина цуьнга хьоьжуш Iийра иза. Коридор чуьра гIовгIано меттавалийча санна, хьала а гIаьттина аравелира иза. Со кхийтира. Шовдина яздо ас: «Гой хьуна, леррина и блокнот йиллина йитина цуо, вайга тохийта. Схьалохьа и».
- Дада, нехан  блокнот?! – цецйолу Шовда.
Ас куьйга эшарехь доьху. Схьа ца ло. Халла хьала а гIоттий схьаоьцу ас и блокнот. «КIант» аьлла яздинчохь, гондахьа фломастер а хьаькхна, ши номер ю. Шех цхьаъ хилахь а, мича хаам бан биеза, бохуш язйина уьш.
«ЗIе а тохий, цуьнан дех дерг дийца», - яздо ас Шовдига.
- Нехан стаге? – цецъюьйлу Шовда.
«ГIо дан диеза…Буохам бу!» - боху ас.
Резахуьлий, шен телефон тIехь ахча дац боху Шовдас, дозанал арахьа
тIоха-м  хIетте а.
Эццахь чоьхьаволу Маккхал. Ас яздо цуьнга: «Хьан кIанте зIетухур яра оха, хьайн телефон ахь схьаелча».
- Ца оьшу! – мохь болу Маккхале. Делахь а, шел телефон Iуьллучохь а юьтий, юха а араволу. Хьалхарчу номерца жоп ца делира. ШолгIачуьнца дIатоьхча, зудчун аз хезира. Шовдина гIеххьа ингалсан мотт хууш хиллера. Шена лор Мюллер Ганс оьшура, цуьнан гIоьнча ю ша элира Шовдас. Цуьнан кIанте нохчий маттахь маршалла хаьттира йоIа.  Важа дуьхьала вист ца хилча, оьрсийн маттахь къамел долийра Шовдас. Маккхал хьиехош олург хезира суна. ТIаьхьуо  оьгIазъяхна цIий а луш элира цуо:
- Шен клинташ а, жIаьлеш а дитна, шен ден гIайгIа бан биезаш ву нохчо-къонах уггаре а хьалха.
Вукхо дуьхьала цхьаъ аьлча, зIе хедира. Шена тIе хин ведар Iанийча санна, йоьхна лаьттара Шовда.
- Паспас яI! – чIагIдира цуо. – Ас  хоуьйтур ду хьуна «нохчийн мехкарий!»  Маккхалан телефон а карахь араяьлла иза дикка хьеелира. Маккхал а чувеънера. Хьаж тIе хьацар а тоьхна, цIийеллера Шовда. Йист а ца хуьлуш Маккхале телефон  дIакховдийра  цуо.
- ТIаккха? – корта таIийра ас.
- ХIуммаъ! – оьгIазъяхна яра иза.
ЦIаьххьана Маккхалан телефон йийкира: - ХIара кIант ву…Алло, - чуьра аравелира иза. Кестта чу ца веара. Виелакъежаш ву.
- Шовда, ахь хIун аьллера цуьнга?
- ХIуммаъ, жоп ца луш Iийр йоI.
Кху чохь шен зудчуьнца эрмало волуш, Шовдас гIанта тIехь набъеш буьйса токхура. ХIинца суна гIоле хиета. Суо хьала а гIотту. Маккхалах эхь хиеташ, сарахь дIайоьду иза.
- Со зIенехь хир ю. Кхана Iуьйранна консерваторехь хила йиеза сан. Сарахь схьайогIур ю. Шуьшинна хIун я ас? – хоьтту цуо тхойшинге.
- ДIаиэцахь, доьху ас, Маккхала масех даккхийра ахча кховдадо.
- Ахча соьгахь ду, - ши куьг тIехьа дохуьйту Шовдас.
- ДIаиэца, - куьйга эшарехь боху ас.
- ДIаиэца, дIаиэца, - доьху Маккхала, - хьо студентка ма ю.
Эхь хиеташ дIаийцира йоIа и ахча.
- Кхана со тIаьхьуо йогIур ю. Лама дипломан концерт ю сан.
- «Хьайн гIуллакхаш кхочушде. Суна гIоле хиета», - яздира ас.
- Дика ду, - куьг а ластийна. – Буьйса  декъала  хуьлда  шун!
ШолгIа де сингаттаме дара. Iуьйранна Маккхала шена операци ян мегар ду, аьлла бакъо елира. Ас и човхийра. Кхин агIо яцара цунна дарба дан а. Со санна холчохь вара иза а. Сарахь дика самукъане а йолуш схьакхечира Шовда. Тхойшиъ цхьанакхеттачул тIаьхьа чу са деъна цунна. Карахь ши тIоьрмиг а бу. Стол тIе охьа хIоттийра цуо и шиъ.
- Ас шуна хIун еъна?! – елаелира иза. – Соьца лифтан чохь цхьа жухарг санна стаг хьалавелира.
Эццахь неI а йоьллий чоьхьаволу цхьа тамашийна стаг.
- Папа! – мохь тоьхна цхьа моттаргIанаш лиелош санна, Маккхал маравоьллира цуо. – Ма дукха хан яра суна хьо ганза! Хьо хIун деш ву кху чохь? О! Ма хаза шляпа ю хьан! Сайнчул а гIолехь ю.
Дуьхьал цхьа гIам-гIим а дина и накъост хьалха а тоьттуш, аравелира Маккхал. Шен ден санна боккха мара а бу жимчу стеган. Маккхал лохо велахь а зоьртала ву. ХIара лекха а, оза а ву. Еха месаш ю, тIехьа а озийна дIайихкина кхозуш. Куьйга тIехь цхьа къорза сурт а ду. Лергахь кхозуш а цхьа хIума ю. И шиъ юха чоьхьаваллалц доьлуш Iийра соI, Шовдий.
Маккхал  вусавелла  ву. КIант  жимма вуоха воьхна тIевогIу суна.
- Папас даима хьиехамаш бо суна, - куьйгаш а хьекхош  боху цуо. – Цкъа хьалха  хьан  могашалла  хатта  йиезаш  хиллера  ас.
Со хьалагIотту.
- Э-э! Дала маршалла дойла! – халла нохчийн маттахь элира цуо. – О-о! – хIинца сан чов а гина. – ХIара динарг хIун хаспанча ву?
Ас куьйгаш ластийра.  Маккхала боху:
- Кхуьнан  йоIа а аьллера цу лоьре хьо  хаспанча  ву.
- Боккъалаъ? – хьаша вела а къиежаш Шовдига хьожу. – Вайшиннан цхьатерра ойлаяр долчух тера ду… Вайшиъ цхьана лифт чохь хьаладелира моьтту суна. – Кхин а леррина цуьнга а хьоьжуш, - Мисс, хьан цIе Шовда юй? Хьо ярий селхана соьга зIейиттинарг?
- Со яра,  - дозаллица боху Шовдас.
- Э-э, сайн массо а гIуллакх охьа а тесна, кхуза схьаваийти ахь со. – ХIинца москал санна вусавеллера иза. – Ишттаниг дича Европехь суьде ло.
- ХIун элира цуо хьоьга? – хоьтту Маккхала.
- Кхуо со эгоист а, манкурт а ву алар-м ловр дара ас. Стаг вац хьо, боху-кх. Са бакъволу нохчо ма  ву!
Ела ца яла гIерташ, бете куьг а лаьцна араяла гIоьртира Шовда. НеIарехь лаьтташ Мюллер вара:
- Миска нохчий яI! – доккха садаьккхира Маккхала.
- ХIаъ. Тхуна атта дац, - боху кIанта, лакхара охьа Шовдега а хьоьжуш. – Бехказа йолий хьо?
- Бехк ма биллалаш, - Шовдас цхьа охьа а таьIаш, куьг ластош кеп хIоттийра. Маккхал дIавирзира. Суна хазделира и. Европейцо а иштта кеп а хIоттош элира: - Дика ду. Хьо къона а, нохчо а йолу дела бехк ца буьллу ас хьуна.
- Ю дера со-м нохчо. Ткъа хьо, айхьа ма-алара бакъволу нохчо велахь, хьайн дега хьажа виеза.
- ТIаккха. Сайн клиника а, лазархой а, жIаьла а дитина схьаван атта дара моьтту хьуна? Сан-м цхьана шарна дIаязбелла нах буй. Папа! Со цхьана денна схьавеъна, сарахь кеманца юха ваха виеза. Цхьа бутт баьлча отпуск ю сан. ЮхавогIур ву. ХIан, - шен киснара ахчанан туп схьало. Дега а хьожий, кхин цхьа туп а гучуйоккху. – ДIаиэца.
- Сан ахча шортта ду, - боху дас.
- Хаьа суна, - олу кIанта. – Хьо даима а хьалдолуш а, …бIаьрмециг а вара.
- БIаьрмециг? – Маккхал хьалаиккхира. – ХIун  ца тоьура  хьуна дахарехь?
- Со жима волуш, суна гитара ца ийцира ахь. Суна музыкант хила гIо ца дира.
- Хьох  хилла  нохчо санна хир вара-кх музыкант а.
- Папа! Ког туьйхира кIанта. – Иштта а даима суна резавоцуш, со сийсазвеш хилла хьо…ХIун лаьа хьуна? Сох цергийн лор хила лууш вара хьо. Хилла-кх со. Тоьллачех клиника а ю сан. Дика ахча доккхуш а ву. Докторски диссертаци кечйина а ваьлла, шо даьлча профессор а хир ву. И лууш варий хьо? Ахь со даима чехаво. Хьайга телефон а ца тухуьйту. Со хIинца воккхха хилла, сайн лаамехь стаг ма ву. Сайн ма-хиеттара вехаш а ву. Со массара лоруш а ву. – Тхоьга а хьаьжна, - со вехаш а, болх беш а волчохь лоруш ву.
Тийналла   хIоьттира.    И йохорхьама ас цуьнга яздира: «Европера дахар муха ду?»
- О! ЧIогIа дика ду. Ахь хьайн гIуллакх дичахьана, хьоьга хIуммаъ бохуш, хьан корта лаза боккхуш цхьа а вац. Маршо ю-кх!
- «Муьлхачу гIалахь ву хьо?»
- О! Уггаре а музыка хIун ю хуучу Венехь ву-кх. Со-м Германин  паспорт долуш ву. ГIуллакх дан уггаре дика пачхьалкхе Германи ю. Сайн аьтто нисбелча, берахь дуьйна айса сатийсинчу Вене кхечира со. Хьалха рок-музыка йиезаш хиллехь, хIинца классически музыка ю сан дог хьоьстург. Европехь кхоъ музыкин туш ду – Милан, Лондон, Вена. Массанхьахула а чекхваьлла со. Уггаре диканиг Венехь долу оперни туш ду. Со гIалат ца ваьлла.
Дирижёро санна шен еха тIаьрзенаш а лестош, там хуьлуш, хаза дуьйцура цуо, со а цецвоккхуш, исбаьхьаллех а, музыкех а лаьцна шена хиетарг. И цуьнан дахаран маьIна хилар, цуо лиелориг моттаргIаниш яцар а гуш дара.
- ХIинца со венски музыкальни юкъараллехь ву. Со лакхарчу Iуналла даран кхиеташонан декъашхо хилла ца Iаш, кхелахойн декъашхо а ву.
Цуо кхин а дуккха дийцира шех а, ша дечу гIуллакхех а лаьцна. Шовда а цуьнга кхечу кепара хьоьжуш санна хийтира суна. Маккхал вар-кх корта а оллийна Iаш.
«Нохчий, нохчий буй Австрехь?» - къамел кхечу хорша дерзо вулу со.
- О! Уьш дукха бу. Цхьа тамашийна, эхьдоцуш бу-кх… Ас шайна маьхза дарба лиело диеза моьттуш а бу. РагI а ца ларйо.
-Уьш мухIажарш ма бу, ахча хир дац церан, - боху Шовдас.
- ХIун «мухIажарш»? – боху хьешо. – Жуккарш ю-кх. Болх бан а, диеша а лууш кIезиг бу. Шадерг а ишттанехьа диезаш бу. Киснахь кепек а доцуш кхечира со Германе. Урамашкахула нуй хьийкхира, пицца дIасакхоьхьуш лийлира, пхьегIаш юьлуш а хилла. Нахах йиснарг юуш, подвалашкахь Iийна. Суна гIодеш цхьа а вацара, я цхьанге со хIума доьхуш а вацара. Массо вацахь а, цхьаберш хIуммаъ дан лууш бац. Церан мотт а ца Iамабо шайна. Европе а баьхкина и Европа хийца гIерташ бу. Ас шайна оццул дукха дика болх бича а, сох а ца бешаш буьйлуш хуьлу. Сан хатI а, сан музыкеца йолу шовкъ а шайна иэхье ду боху. Соьга ахча диехар иэхье дац, - Куьйгаш дIаса дохуьйту цуо. – Музыка а, лакхара исбаьхьалла а нохчашна лерина йоцийла хиъна суна хьалххехь дуьйна.
- Бакъ дуй-те иза? – вистхилира Маккхал. – И йоI хьо диеша ца вахавелла йолу консерватори чекхйоккхуш ю-кх. Кхана цуьнан дипломан концерт а ю.
Тхан хьаша инзарваьлла хьоьжура йоIе.
- Хьо..доьшуш…консерватори  чекхйоккхуш  ю?
- Ю, - боху Шовдас.
- Чайковскийн цIарах йолу? Муьлха отделени?
- Йиш лакхаран факультет. Оперни кечам.
- Бакъ хир дац! – цецвуьйлу хьаша.
- Хир дац бохург хIун ду? – реза вац Маккхал.
- Со дIаяха мегий? – элира Шовдас. – Кечам бан биеза сан.
- «ХIаъ. ДIагIо!» - бохуш хичаш йо ас, куьг а лестош.
- Iодика йойла! – Шовда дIайоьду.
Жимма Iийна тхан хьаша дIаваха туохало. И новкъа ваккха араваьлла Маккхал а хьевелира. Чувеъча, вист а ца хуьлуш, пенехьа а вирзина Iиллира. ТIаккха схьа ца воьрзуш хоьтту:
- Сан кIант муха хиета хьуна?
Ас дика ву, бохучух гIам-гIим дира. И схьа а ца вирзира. Буса цуьнан телефон йийкира:
-  КIант вара и. ХIун боху хаьий хьуна? Шен кеманан билет кханенна тIаьхьатеттина. ХIунда? ДIаваккхахь дIа, - резавоцуш телефон охьаюьллу.
ШолгIа де тхан палати чохь хала дара. Маккхал операцина кечвеш вара. Шовдина сагатдеш со а вара. Юха цуьнгара хаам бу: «Дада, и «бакъволу нохчо» кхузахь ву-кх. Зал чохь».
- «Муха кхаьчча иза цига?» - яздо ас.
- «Ца хаьа… Милла а чу ван йиш йоцуш ю хIара концерт… Ка санна соьга хьоьжуш ву-кх».
- «Йоха ма йоха, тергал а ма ве. Дала аьтто бойла хьан!»
- «Дела реза хуьлда! Телефон дIайойъу ас».
Со цу Iуьйранна масех дарба дойтуш оцу йоккхачу гIишлончухула лиела диезаш вара, наггахь сайн телефоне а хьоьжуш. Шовда йистхуьлуш яцара. Со палати чувеъча, Маккхал  воккхавеш  Iаш  ву-кх.
- ХIинцца кIанта зIетуьйхира, - боху. – Консерваторехь Шовдин концертехь хилла иза. – Инзарваьлла, воккхавеш ву.
Эццахь Шовдигара хаам кхочу: «Дада! Къаьсттина дика хIоттийна. Хьуна а, мамина а баркалла хуьлда!» Со бIаьргаш а тIунделла, ванни чу воьду. Шовдас юха а яздо: «Сайца доьшуш хиллачу зудаберашца кафе доьлху тхо. Мегар дуй? Со тховса жимма хьиелур ю. Муха ву хьо?»
- «Дика ву. Тховса схьа а ца йогIуш садаIа. Суна оьшуш хIума дац», - яздо ас. ХIинца юххехь нана оьшура цунна. Соьга ма-дарра эр дац цуо.
«Дада, и накъост тIаьхьатасавелла тхуна. Массо а кафе кхойкхуш ву… Сан гергара – махкахо ву ша, боху, сан верас ву ша а боху. ХIун де ас?»
Со леррина Маккхале хьаьжира. Суна дуьхьала хиъна, гIийла Iаш вара иза.
- «Операцин ойлаеш вуй хьо?» - яздира ас цуьнга.
- Бакъдерг алий  ас? – гIийла виелакъежа иза. – КIентан ойлаеш ву-кх.
Ас кхин хIуммаъ ца хоьтту. КIентан йина ца Iаш, шен ойла а йо хир ю цуо. Мичахь галваьлла-техьа, хIун хир ду-техьа? Ас Шовдига яздира: «Шовда, и накъост Маккхалан кIант ву. Ткъа хьо лакхара диешар чекхдаьккхина кхиъна яьлла. Ас декъалйо хьо! СадаIа. Хьо хьакъ  ю».
Тхойшиннан ши бер цхьаний кафе чохь дуйла Маккхална хууш ца хила а мегара. Тхойшиъ  вулавелла-м вара. И де дахделлера. И шиъ цхьаьний тIаьхьа схьакхечира. Шовда ийзалуш яра. Ткъа Европера хьаша и концерт юьйцуш, хестош вара.
- ХIара инзаре ю! Массарел тоьлла яра хIара. Йоккхачу театрана кийча солистка ю. Ткъа кхуьнга Сибрехара Омск  юьйцу.
Со кхеравелла йоIе хьаьжира.
- Са ма гатде ахь, - боху йоIа. – Со цхьанхьа а гIур яц. «Большой» яцахь а, цига ваха-м атта дац, цхьацца  меттигаш  кхийдайо  соьга  кхузахь  а.
- Кхийдор ю дера! Иштта похIма хилча! – европеец дог-ойла гIаьттина ву тховса.
- Папа, хьажахь, мел хаза, цIена нохчийн цIе тиллина цунна – Шовда! Ахь суна хIун тиллира?
- Хьан а ю-кх хаза бусулбанийн цIе, - боху Маккхала. – Яр-кх.
- Бакъ боху. Яр-кх. Шовдица къамел динчул тIаьхьа, ас ши сацам бина. Папа, даима санна дуьхьало ма елахь. Со бер дац. Хьалхарниг. Кхо ма-аллара, со хIинца Мюллер Ганс хир вац. Со Маккхал  Ганс хир ву.
- О! – аьлла корта схьалецира дас.
- ХIаъ, папа! И чIогIа хаза ду! – боху кIанта. – ШолгIаниг. Иза а Шовдас аьлла ду хьуна. Хьуна гуш масал а ду. Европехь дарба дийр ду вай хьуна. Ас зIе а тоьхна, сайна бевзаш болчу лоьрех дагаваьлла. Кхузахь лиелошдерг сенхарлераниг ду. ХIокху хаспанчашка хьо цоьстуьйтур вац ас. Кечлол.
- Суна кхана операци ян кечбелла, - гIийла боху Маккхала.
- Ахча юхалур ду цара. Ца лахь, ас меттахIоттор ду. Кечло.
Маккхал соьга хьаьжира.
- Катоххий дIагIо кхузара, - бохуш хичаш йира ас.
Иштта оцу палати чохь суо висира со. Маккхала дийнахь мосуьйттаза телефон тухура (смс-каш язъян ца хаьа цунна). Цкъачунна тоьллачу хьеша цIа чохь Iаш ву ша, бохура. КIант загранпаспорт а, виза а кечъеш хьийзаш ву. Ас  резаволуш дуьхьал гIам-гIим до. Ши де даьлча, шаьш кхана кеман тIе ховшу аьлла хаам бира. Суна а, къаьсттина Шовдина а баркаллаш бохуш вара Маккхал. КIант бохург доккха хIума ду-кх, аьлла хийтира суна… Цхьадика Шовда схьакхечира. Цунна тIаьххье гучувелира Маккхал Ганс а. Цу шинна юккъехь цхьаъ хиллачух тера хийтира суна. И гучуваьлча, йоьхнера Шовда.
- Со Iодика ян веъна, - соьга а ца хьожуш, Шовдина тIе а вирзина, элира цуо. – Нохчашна юккъахь иштта ца хуьлийла а хаьа суна. Делахь а,  кхузахь иэхье а, ца товш хIума ду аьлла ца хиета суна.
Шовда цхьаъ ала гIоьртира.
- Нохчийн божарша къамел деш, юкъа ма гIерта, мисс, - боху цуьнга хьешо.
- ХIан? – мохь белира Шовдига.
- «Сацахь!» - йоьIан куьйгах муьшка йира ас, тIаккха – хьеше – «Вистхилал!»
- ГI-м! – йовхарш туьйхира Маккхалан кIанта. – Доцца аьлча, иштта. Хьан йоIе сайн  дагара хаийтира ас. Цуо дегабаам би. Со кхин Iалуш вац ца аьлча. Хьан йоI сайн хIусамнана хуьлийла лаьа суна.
- ХIан?! – мохь хьаькхира Шовдас. – Яхийта кхузара! Гена вала! – и хьаша теттина чуьра араваьккхира цуо. Ша а къайлаелира. Цул тIаьхьа ши де даьлча гучуелира. ГIийла а, ойлане а яра иза. Юха  тхойшинна юккъехь цхьа хиеро юьйлира. Сайга кхаьчна йолу кассета а хьиехош, цуьнан иштта хала дахар къахьдан ца лаьара суна. Сан дахар-м доьхна даьллера. Суна юххехь накъост а оьшура, гIо а оьшура. Оцу катетерца ваха атта дацара. Лазар, хьогалла, мацалла – дерриге а оцу катетерца доьзна дара. Уггаре а халаниг, шелвелча йовхарш туоха а, шет дIаяккха йиш ца хилар дара. Делахь а, хIинца дуьйна дIа иштта ваха виезаш вара-кх со. Ваха ца лаахь а, ваха диезара.
Iалашо лаьцна ваьлла со, иччархо вацахь а. Шовдас ма гIахьара боххушехь, Нохчичу вахара со, цигахь хьелаш ледар делахь а. Москвахь а карахь ахча а доцуш Iан хала дара, Шовда къар ца лахь а.
Операци йинчул тIаьхьа, оцу катетерх а, сайн керлачу дахарх а волийта, Москвана гена йоцчу цхьана санаторехь Iан виезаш вара со. Сайгахь ахча ца хиларна, цига а ца воьдуш, сайн лаьмнашка, Нохчичу дIавахара со. ХIетахь со Iачохь ток а, зIе а яцара. Гена боцуш дIатарлуш дозанхой бара.  Царна и дерриг а оьшур ду. Цундела кестта ток а, зIе а хир ю.
ХIетталц со кIиранах цкъа мукъане а ламчуьра охьавогIу, Шовдига зIетохархьама. Шен гIуллакх вон дац бохуш ирхлелхаш ю иза. Суна дерриг а хууш ду. Консерватори чекхъяьккхинчул тIаьхьа таделла хIуммаъ дац цуьнан. Омске и ца яхара, Москвахь башха и оьшуш меттиг а бац. Мелхо а Йоккхачу театрехь цуьнга ладогIа ца хьаьвсира. Цхьаммо шен похIма тидаме иэцаре ладоьгIуш цхьацца музыкальни театрашкахь тIаьхьара олуш, рицкъ лохуш йолчух тера ду.
Дегабаамца дуьйцу соьга, шеца дешна болу  похIма доцурш а балха дIахIиттина, бохуш. Кхунна гIо дан стаг вац, нохчо ю бохург ду новкъарлоеш. Шовдин хIусам а яц, Москвахь прописка а яц, юкъараIойлера араяьлчхьана. Дахар хала ду. И халонаш цо лайнийла тIаьхьуо бен ца хиира суна. Ткъа иза хIетахь суна гIо деш яра. Сайн пенсех хене вала-м тарлора со, амма дарба дайта Москва гIур ву бохург аьттехьа а дацара.  Кхолламна муьтIахь а хилла Iаш вара. Шовдас ца витира. Ахча а даийтина, дарба леладайтира.
Юха оцу онкоцентре кхечира со. Маккхал а кест-кеста соьга зIеетташ вара, сан номер Шовдигахулий бен цунна хаа йиш яцара. Маккхал ша ву-техьа сан йоIаца зIелаттош, я сох дерг шен кIантехула хаа цунна, бохучух кхиета лууш вара со. Мухха делахь а, Шовдин цу Ганс Мюллерца а, Маккхалца а цхьа зIе ю. Суна сайн йоIана шен ирс карийча дика хиетар ду. Амма оцу «европейцаца»? Цунах сайн нуц  хир ву ала хIуттур вацара со. Цхьанна и хаахь, я и нуц гахь?
Шовда гучуяьлча, Маккхал хьоьга маршалла дIало, бохуш, хьо хиестош хуьлу даима а, аьлла ас шега аьлча, шек а ца йолура иза, цуьнан дагчохь боьдуш цхьа къийсам хилар-м хаалора. Дай, йоIIий вовшашца дагадуьйлуш товш дац вайн Iадатехь.
Юха инзарениг хилира. Цхьана сарахь сан палати чу волура безамехь кечвелла жима стаг. Арахь дуьхьалкхетча суна вевзар а вацара иза. Дика къовламе костюм ю, коьртара месаш еха елахь а, хьалхалера чIаба дIа а хадийна товш ю. Нохчийн маттахь соьга маршалла а хаьтти. Ганс Маккхал ву-кх. Беро санна, дагахь хIума доцуш дуьйцу соьга, Шовдас хьайн куц хийца а аьлла, ша цкъа чекхволуш йисна йолу профессор цIе а яьккхи, бохуш.
- Ас сайн дегIан тIера суьрташ а дIадаьхна, - шен пхьарс схьагойту. – ХIара Iуьрг, - шен лерган тIилдиг схьагайти, - дIатегийти. ЖIаьла а дIаделла, папин лаам кхочушбеш. Папа а дика Iаш ву, шозза операци яйтина Германехь. ХIинца соьца Iаш ву. Хьо а Европе дIавига виеза, - ахча кхийдадо соьга. Ас схьа ца оьцу.
- ХIара соьгара дац. Папас даийтина, - боху виела  а къиежаш.
- «Оьцур дац!» - дуьхьалволу со. Ша дIавоьдуш и ахча тумбочки тIе охьадуьллу. Юха а а чухьожий, диехар до:
- Шовдига со кхуза веара ма алахьара ахь. Со Москвахь вуйла цунна хууш ду.
НеI тIететтира. Со сайн метта охьакхийтира. Коьртахь ойланаш хьийза, кхиеташ хIуммаъ дац. Юхаъ неI а тухий чоьхьаволу иза.
- Бехк ма биллалахь. Хьоьга цхьа хIума ца аьлча ца волу со. Сан шовзткъа шо кхочуш ду. Шовда сол жима ю. Делахь а, дуккхаъ цхьатерра хIуманаш а, хиетарш а ду тхойшиннан. Цул сов нохчийн барта кхоллараллин буха тIехь музыкально-поэтически эпос кхолла дагадеъна тхуна.
Дикка соцунгIа а хилла, суна хIун  хиетаделла  хьоьжуш  санна  хаьттира:
- И гIуллакх мукъане а къобалдийр дарий ахь?
Ас корта таIийра.
- Баркалла! – шуьйра виела а къиежаш неIарехьа гIоьртира иза. Ас куьйга эшарехь  блокнот  схьакховдае  элира:
«Муьлхха а дика дIадолор, вайн къомах дерг-м муххале а, ас даггара къобалдеш ду».
- Боккъаллаъ! Со воккхаве! – бер санна гIадвахнера иза. – Хаий хьуна. Соьга и лачкъалур дацара, хьайн лаахь Шовдина со кхуза веанера ала мегар ду хьуна… Со кхуза вар  иэхье ма дац?
- «Дац», - куьг ластийра ас. Ах сахьт  даьлча  Маккхала  зIетуьйхира.
- Бер санна ву иза, бехк ма биллалахь, - боху. – Вуон вац иза. Кхузахь вайн махкахошна дукха гIо деш а ву. Массара лоруш а ву. Суна ца моьттура. Схьавеъча  хьайна  гур ду хьуна. Шовда а дика йоI ю, ирсен хила хьакъ а йолуш.
Дукха ца Iаш Шовда а схьакхечира. Ас еврош гойту. Эхь  хетий  цIийло иза.
- «Иэхье хIумма а дац. Нохчий вовшашна гIо дан диезаш бу даима а. Со цомгуш а ву. Ах дIаэца». Цуо куьг ца Iоьттира ахчанах.
Со Соьлжа-ГIала юхавеъча Шовдин ненайишас, ша йолчу а кхайкхина, соьга боху:
- И ши  бер цхьанакхетийта  пурба  луохьа.
- «Шовда реза елахь, мегаш ду-кх иза», - яздо ас.
- Иза-м реза яра. Хьо ша вита ца лууш, сагатдо. Москвахь йолуш-м шина сохьтехь вовшашна тIекхача  таро яра. Вене муха гIур ю.
- «Москва шина сохьтехь, цигара Вене а ши сахьт бен дац. ХIинца ворданаш тIехь некъ бан а ца биеза», - яздира ас.
ЙоIа сацам бина дика хиета суна. Делахь а, дерриг а хила ма-деззара кхочушдан а ма диеза. Лулахой а, гергарнаш а орцахбевлира, ахча а, совгIаташ а кхоьхьуш. Европера схьакхечира Маккхал а шеца баккххий нах а балош.
Мах а, там а бина оха и гIуллакх кхочушдира. ХIокху сан лаппагIи чуьра а ца йоьдуш, хIинца деш ма хиллара Москвара и дIайига мегар ду, аьлла хиеташ вара со. Амма Шовда Нохчийн Iадаташца нийса а догIуш, лаппагIа елахь а шен ден цIентIера, шен дай баьхначу юьртара ара а яьлла яха лууш хиллера.
Цхьа де хьалха Москвара схьакхечира иза. Шен ненайишица хьала а еъна цхьа буьйса мукъане а шен цIа чохь йоккхур яра ша, аьлла. Суна геннара бен ца гира иза, хаза кечъеллера.
ШолгIачу дийнахь иза дIайигира, ткъа кхузахь невцах лаьцна эладитанаш хIинца а дижанза ду. Бакъволу европеец вара, цхьаннах а иэхь ца хиеташ, берашна а, зударшна а ахчанаш луш вара.
- ХIорш ду хьуна лаьмнаш! Альпаш хIун ю? Кхузахь башха дуьне ду! Лаьмнийн симфони! – бохуш инзарвийлинера иза.
Суна дагахь диснарг кхин дара. Шовдас а дохийнера Iадат. Ша араялале, со волчу а хьаьдда, мара а кхетта йилхира иза. ТIаккха бIаьргаш а дакъийна элира:
- Дада, цхьана хIуманна са магатделахь. Хьуо ларвелахь. Оцу боьхачу хIуманца  дерг  ас  айса къастор  ду  хьуна.
И хIун боьха хIума ю хатта ца ларийра со, блокнот а яцара юххехь. ТIаьхьуо а ца хаьттира. Со суо ву оцу боьхачу хIуманца  дерг къасто диезаш…

6 сентябрь, буьйса
Кхо бутт сов хан яьлла со кху йозанашна тIекховдаза. Хан а яцара. Дог а ца догIура. Тахана гуьйренан агIо ю хаалуш. Къилбаседехьара догIанах язъелла мархаш а схьакхечи. Дохк а, мархаш а йолуш гуш хIума дац. Сингаттам. Дерриг а дуьне боданехь ду. Дуьне дан а дац. Гуш хIуммаъ дац. Со цхьаъ ву, сан лаппагIина диехьа кхин хIуммаъ хила а ца хилла, я хир а доцуш санна. Мархаш  юккъехь цхьана кхечу дуьненахь волуш санна хиетало.
Тийналла. Даима хезаш хилла йолу хин гIовгIа а ца хеза. ХIара гуьйренан хьалхара тулгIе, тIекхочуш лаьттачу къаналло санна сабIарздеш, дог-ойла охьатаIош ю. СадиеIар  хала  хуьлий, сайн  лаппагIех  каш  тарлой,  араволу  со.
Арахь кхин а чIогIа сингаттаме ду. Бода а, мархаш а ца лалуш юха чувогIу. Чохь сирла а, йовха а ю. Къамел дан цхьаъ велахьара. Суо вист хилалуш вацахь а цхьанге ладугIур дар-кх. Цхьа а вац. Цхьалла лан хала ду. Кху цхьалле ас сатуьйсуш цхьа зама а ма яра. ХIетахь суна ваха ца лаьара. ДегI а, са а лозуш дара. Ткъа хIинца со ваха виезаш ву. Цхьаьнца къамеле вийла лууш ву. Сайн гергарчийн суьрташка а хьоьжуш, цаьрга гIам-гIим до ас. Зуда а, воккхах волу кIант а. Шен кIантаца Шовда а ю. Юьстахо жимах волчу кIентан сурт ду. Юьстах хIунда ду иза? Ца хьаьа. Ас цуьнга хIуммаъ ца олу дела хир ду. Ца алало. Цкъачунна ца алало.
Тахана-м ас сайн йоьIан кIанте хIуммаъ ца эли. Йочано охьатаIийначух тера ду со. Кху цхьаллехь хьерваларна кхоьруш, юха сайн йозанашна тIевирзи со. Суо яздархо вацахь а, ца яздича ца Iалуш яздо-кх. Ца яздича Iалуш велахь, яздан а ца оьшу. Цхьаммо доьшур доцу йоза яздеш, кехат хIунда дойъу. ХIетте а яздо ас, цхьаьнга сайн дагара дийца лууш, сайн кхоллам а, ойланаш а йовзийта лууш. Цхьанна а пайдехь хиндолу хьекъале а, инзаре а хIума кхи дацахь а, ца Iало-кх.
Доцца аьлча, Венерчу онкоцентре кхечира со. Цигара дIа Шипсаре вигира. Цигахь цхьана кхузаманахьлерачу центрехь шина кIиранах сан цамгар теллира цара. Хьалхалерачу соьгарчу хьолаца дустуш, лоьраш инзар бевллера.
Вайн лаьмнашкахь, цIеначу хIаваэхь, шовданан хи муьйлуш, сингаттам боцуш хиларна ду иза, боху цара. Сайна ваха лаар, биекхам бан биезаш хилар а дуйла суна хаьа.
Сайн йоIаца а, цуьнан кIантаца а мерза хан а яьккхира. Мел дукха Iийча а цу марзонах Iебар вацара со, делахь а сайн лаьмнашка юхаван сатесира ас. Кхузахь сан накхарш а, говраш а ю… Шовдас сиецавора. Суна хьалха тхан юьртахошка зIетухура. Цара цIахь сагатдан оьшуш хIума дац, шаьш массанхьа хьовсуш, ладугIуш  ду олура.
Маккхал санна цигахь ваха йиш йолуш вара со. Суна ша къаьстина хIусам а, дарба а шайна тIелоцура бераша. Со ца Iало цигахь. Буса сайн хIусамехь суо висча, цхьа гIаж кара а оьций, и «топ» хьиежош массо цуьнан гIаролхой охьа а вожавой  ваша Гехон кIентан кIентан хьаж тIе и «биргIа» хIоттайой, олура ас:
- Сан кIантана мас дIаьндарг туьйхира ахь? Ца кхоош, боьха хIума! Ямартхо! ДIаиэца!
Iуьйранна соьгара хьал а хаалой, Шовдас олура:
- Дада! Хьуна вун ду? Наб ца кхиета хьуна?
- «ЦIа ваха лаьа суна», яздо ас.
- Кхузахь а ма ду хаза лаьмнаш.
Лаьмнашка вуьгу со. Уьш хаза делахь а, сайн лаьмнаш диеза суна.
- Дельтаплан тIехь, юххехь инструктор а волуш, тIома вала а мегар ду хьуна.
Юххехь инструктор а волуш кхузза доккхачу дельтапланаца тIомавелира со. Инструктор тIехула вара. Со лахахь доьхкаршца вихкинера. ЧIогIа хаза дара. Цул тIаьхьа сайца хиллачу Маккхале а, невце а дехар дина суо цхьаъ жимачу дельтапланаца шозза тIомавелира со. ШолгIа тIомаваьлча, гIалат ца волуш, билгалйинчу меттехь охьа а воьссира. Сан невцо Шовдига и дийцина хиллера. Цунна а, суна а дов дина, сан тIомавийларш совцийра йоIа:
- Чекхдели! Кхин тIома вийр вац!
- «Билет иэцахь, аьхке чекхйолуш ю. ЦIахь гIуллакхаш ду», - яздо ас йоIе.
- Оьцур ду, - тIаьххьара а реза хуьлу иза. – Хьо ноябрехь юха вогIур велахь кхузахь Iа даккха. Iай цигахь хала хир ду хьуна. Реза вуй хьо? – хIинца цигахь куьйгалла деш иза ю.
- «Реза ву», - корта таIабо ас.
- ТIаккха вало.
Сой, Маккхалий жимачу шозза тIе-кIел динчу цIа чохь Iаш ву. Со шолгIачу гIат тIехь ву. Юххехь доккха цIа ду. Иза ШовдагIеран долахь ду.  Тхойшиъ чохь верг иэца кечбелла а бу уьш. Уьш болчохь кест-кеста хуьлу со, йоьIан кIант хьоьстуш, Маккхал  цу тIехула соьца мелла а «эмгаралла» долуш а ву.
Шовдас шен чоь гойту суна. Пенах кхозуш сан сурт ду, юххехь зуда а йолуш. Маккхалан, цуьнан зудчуьн сурт а ду юххехь кхозуш. Кхин а шортта суьрташ ду. Ша юьстах кхозуш  сан  жимахволчу кIентан  сурт  а ду. Сан цIахь дерг санна ду иза. И нийса камера дуьхьал вирзина меттиг схьалаьцна хила-кх оха шиммо а. Когаш малбелла охьахиира со. Суна дуьхала охьа а хиъна йоьлхуш Шовда яра. Цуьнан сатедан ницкъа, лаам а бацара сам. Со суо а вара бIаьргех хи Iийдолуш Iаш.
- Ас меттигерчу милцогахула дIаяхийтира хьо волчу и кассета. Хиъна хир дар хьуна.
- «У-гIу»,- гIам- гIим до  ас.
-ХIинца дохкояьлла. Хьуна-м и шадерриг а хууш хир ду. Сан оцу ваша Гехо кIантан  кIентаца хилларг. Со шен нускал ду аьлла Масква схьаялийна, Ленинан проспектехь цхьана квартири чохь охьахаийра. Дукха хан ялале, ша  со йитна аьлла шен нуьхьарш бахкийтира. Суна цуо совгIатна елла бохучу квартирера хIусамдайша араяьккхира. Сайн декъаза сал-пал гулъеш со Iаш, цуьнан цхьа накъост ву-кх телефон етташ: «Балкон тIехь цхьа гIутакх ду, боху. И дIадахьа даьхкина шаьш».
Цуьнан и ша санна боьхачу хIуманашка хьажа дегаза хиеташшехь, кегийра ас и гIутакх чуьра хIуманаш. Бухахь леррина дIахьарчийна цхьа кассета карийра.
- И сох хьакхалуш юй-техьа аьлла, хийтира суна, - кхин дIа дуьйцура Шовдас. – Ткъа  цу  тIехь! Ас муха сатуьйхира ца хаьа суна. И кассета хьуна гайта  лиира.
- У-гIу, - гIам-гIим дира ас,  сайн блокнот схьая бохуш. ТIаккха яздира: «Оцу веанчо кассета лийхирий?»
- ХIан-хIа. Балкон тIера и тергалвеш яра со. Нехаш чу кхуьйсучу контейнер чу и гIутакх дIа а кхоьссина, машен чу а хиъна дIавахара иза. Цул тIаьхьа цуьнан гонах волу стаг ца гина суна.
- «Кхин цхьанне гиний и кассета? Ахь гайтиний?» - хоьтту ас.
- ХIан-хIа. Сайгарниг ас банкехь Iалашъеш ю. Цуьнан копи яра ас хьуна яийтинарг. И мичахь ю?
- «Iинчу кхоьссина ас»
- Бакъ кхоьссина. Хьуна и гайтина дохкояьлла со. Лазам бу иза! ЧIогIа халахиета.
Тхойший а жимах волчуьн суьрте хьаьжира. Шимма кортош охьадахийтира. ТIаьххьара  а Шовдас элира:
- Дада, хьалха суна и хиънехьара ас и бIаьрган негIар ца тухуш вуьйр вара. Суо кхоор а яцара. И хьуна хаийта лиира хIетахь. Ткъа хIинца суо нана хиларе терра ойла а хийцаелла сан. Хьуна и хаийтина, хьо карзахваьккхина дохкояьлла со. Хьо цигахь и топ кхуьссуш, кечамбеш вуйла хаьа суна. И далур доцуш хIума ду. Доккха ха ду цуьнан и ларвеш лиелаш. ХIуъу хилахь а, цул тIаьхьа хьо дийна вуьтур вац цара.
- И мел боьха хIума ю хаий хьуна? – кхин дIа а дуьцура Шовдас. – Къаьркъа муьйлура, наркоман вара. Цхьана буса подъезда хьалха цхьаммо тоьхна чов йинера цунна. Лоьраш а, милици а еара. Цуо цхьа кехат гайтича, цхьа кхин нах а баьхкина дIавигира. Юха схьаваийтира. Цкъа вехна а волуш, шен дукха мостагIий бу ша виен гIерташ, аьлла дийцира. Кхин а нах хIаллакбина хир бу цуо. Э-э, хьалххе суна хууш хиллехьара.
- «Вайн жимахверг хьахаворий цуо?» - яздира ас.
- Цкъа хьахийра, ас шега хаьттича. Бакъволу къонах вара и, элира. Нахах атта тиешаш вара. Массарех а тиешара. Иза бехказа воккхуш, амнисти хир ю аьллера. Вайн доьзална а, махкана оьшуш кIант вара. Хала чевнаш хилла заьIапхо волу иза цхьаммо  Iехийна, кIело а йина вийна, бохура.
- «Иштта дийцира, шек а воцуш?» - халла яздо ас.
- Шек а вацара, боьха хIума. Дада, суна дерриг а хууш ду, вайн юьртахь хуьлуш дерг. Сайн ма-хуьллу юьртахошна гIодеш а ю со. И хIаллакван лууш а яра даима. ХIинца со кху Европехь ехаш а, кхара санна ойла еш а ю. Кхузахь дерриге а суьдо къастош ду. Россехь суд хила а ца хилла, ян а яц, я хир а яц.
- «Собар», - куьг ойъу ас. Юха яздо: «Со Нохчичохь вехаш ву. Нохчо санна ойлаеш а ву. Тхан цигахь тхешан законаш ду».
- Цигахь тIом бу, законаш дац! – боху цуо. – Вайна динчу зуламашна суд хьан йина? Мила ву таIзар дина, я вайна хьалха бехказвалар доьхуш?
Со ладугIуш вара.
Вайн цхьа суд ю – Делан кхиеэл! Далла хуур хьанна таIзар дан диеза. Ахь хьуо Iалашве. Доьху ас, дIа а ца воьдуш, кхузахь Iиехьа!
- «Гурахь юха вогIур ву со», - цуьнан сатедан боху ас.
- Цигахь дерг  хьуна хууш ма ду. Хьо схьа ма-веъанехь и боьха хIума  цу керта цIийнах хьажа веъна хилла. Хьоьга  и ма хаийта аьллера ас массаьрга а. Меттигерчу  милцочо  хьан топ царна ца гойтуш Iинчу кхоьссина.
- О-о! – узар делира соьга.
- ХIаъ. Дика хьаха ду и хилла. И топ гучуяьллехь хьо виен, я чуволла бахьана хир дара цунна. ХIуъа далур долуш, боьха хIума ю и. ХIинца а дика чIагIвелла вац. Вайниш шортта бу цигахь.
- У-гIу, - гIам-гIим до ас, юха яздо «Сох кхоьруш ву иза».
- И Делах а ца кхоьру, - мохь болу Шовдин, - хьох-м муххале а. Иза гIерин тхьамда ву, Iедалан коьртехь ву, и ларвеш бIе стаг а, Россин  арми а, Iедал а ду!
- «Ас вуьйр ву иза!» - яздо ас.
- Муха? – хьалаэккха Шовда. – Хьан  шалгу топ а, диг а дIадаьхьна хьуна цуо. Тхов тIера дельтаплан а дохаде аьлла.
- У-у, - сан корта лазабаьлла.
- Дада, - Шовда суна юххе охьахуу, со маракъовлу. – ДIа ца воьдуш Iийр варий хьо?
- ГI-м, - дуьхьало йо ас.
- ТIаккха, доьху ас, дицде иза. Вита иза. И ларвечара шаьш дIавоккхур ву. Сатоха, сатеде. Вайн жимахверг иштта Iовдал а вацара хьуна. Ахь лоруш хиллачу ваша Гехон кIентан кIантах иштта боьха хIума хиларх ца тиешаш хилла  иза. Цуо вийнехьара ахь хьайн кIантана могуьйтур дацара. ХIинца и кIентан кIант вийна, цунах дIатарвала лаьа хьуна? Деле яйтахь цуьнан кхиэл. Хьалха ас айса шек йоцуш вуьйр вара иза. Ткъа суо нана хиларе терра цIех цIеначу куьйгашца сайн кIант хьиеста лаьа суна. Цу боьхачу хIуманна а, массарна а кхиэл Дала йийр ю.
- У-гIу, - резахилира со. Биекхам бар зударийн гIуллакх дац. Со цIа гIур ву. «Меттигера милцо хьан гIуллакхе ахчанах хьожуш варий?»
- ХIан-хIа. И соьга къамел дан а ца ваьхьа. Цуьнан йиша ю сан доттагI. Ас цунна наггахь гIо до.
И милцо а ахчанан дуьхьа лиелаш хиллехь, массо хIуманах догдиллина, цIа ца воьдуш Iан а мегара со. Делахь а, массо вохкавелла вацахь, дикане сатийса меттиг бисна. Со Кавказе вахара.

7 сентябрь, Iуьйре
Йочана яхъеллера. Дуькъачу дахкарлахь дIатийнера лаьмнаш. Дийнахь а гуш хIума дац. Сингаттам. И вуон ду. Сан накхармозийшна вуон ду. Iаьнна киечам беш жигара къахьега диезаш мур бу  хIара царна. Со а ву Iаьнна киечам бан диезаш.
Со цIера ваьлла ши бутт сов хан яьллера. ТIехь да ца хилча бахам а тишлуш хиллера. Ткъа сан кертахула и арданг чекхъяьллера, массо а хIума хьошуш, йохош. Накхарш чу а хьаьжнера. Реза доцчу накхармозийша юнаш етта йолийча, царна автоматаш тоьхнера, накхарш  тIекIел а детташ дохийнера. Iовдалш!
Цул тIаьхьа къора а тухуш догIа деънера, сан лаппагIин тхевнна Iуьргаш а дохуш. И тхов тобан а дийзира. Тхов тIехь Iуьллу сан дельтаплан а  тIе цхьа еза хIума етташ, тIемаш кегдеш, йохийнера. Цигара охьа ца кхуссуш а дика йитнера.
Шовдас и йохийна аьлча, Австрехь со волуш невцо суо дельтапланаш юхкучу туькана вигийтира ас. Цара элира, ахь мах дIабелчхьана, контейнер чохь керла аппарат ламчу хьан  уьйтIа дIакхачор ю шаьш. Нуц мах дIабала кийча вара, Шовда реза хилахь. Ас ца оьшу элира. Максимера суна кхаьчнарг суна евзаш а, гIолехь а хиетара. И айса тоян дагахь вара со.
Со цIа ма-кхеччи, меттигера милцо волчу вахара со.
- ХIун топ? А-а. И а, важаерш а Iинчу кхийсира.
- «Хьо ца кхиеташ ву?» - куьйга эшарехь боху ас.
- Кхиета, цундела дIакхоьссира. Уьш ас хьан чу а еъна, дIагайта йиезаш яра? Чувуллур вара хьо тIаккха. Мелхо а суна баркалла ала ахь.  Ишта а хьо ца виезаш волчу, цуо оццул бахьана даьллехьара чувуллуьйтур вара хьо.
- Э-э, - цергаш хьакхийра ас.
- Кхиетахь, - боху вукхо. – ХIинца кхин Iедал а, кхин адамаш а, кхин низам а ду. Хьо къена а, цомгуш а ву. Хьайна дарба дайта. Хьайн йоI йолчу Европе вахча кхин а дика хир ду.    
«Сан топ мичахь ю?» яздира ас юха.
- Iин чу кхоьссина аьлла-кх ас хьоьга.
Цунах а тешна, беха муш а эцна Iин теллира ас, хIуммаъ ца карош. Юха со ша волчу веъча боху:
- Ца карий хьуна? Акхароша йиъна хир ю иза.
«Цхьанна дIайоьхкина хир ю ахь?» - яздо ас.
- Хьо лартIехь вуй! ХIинца йохка а, иэца а мила ваьхьар ву? Зама кхин ю. Хьо хIинцаъ цигахь ву.
- «Цигахь сайн кIанта  къийсинчохь ву со?» - яздо ас. – «Ткъа хьо доьша шортта долчухьа ваьлла? Хала дуй лоллехь ваха?»
- Яхийта кхузара, къанъелла къуккъаз, - оьгIазвахна иза. – И саннарг кхин алахь, айса вожор ву хьо ас. Яхийта!
И эвхьазвала а, суна туоха а кийча вуйла хиира суна. Нах санна шен доьзал а кхобуш, ваха лууш волчу оцу  кIанте юха  ас  боху тIаьхьуо  дуьхьалкхетча:
«Ахь аьлла мах а лур бу. Йохкахьа суна и топ».
- Хьо суна кIордийна. Хьо боцург кхин сингаттам бац-кха сан кхузахь. Ас хуьлуьйтур а бац. Я хьай нийсонаш ларъечу Европе дIагIо, я вист а  ца хуьлуш IадIе. Кхетий хьо?
- «Кхиета», - корта  таIабо ас.
- Хьо дика ца кхиетачух тера ду, - машен чуьра охьа а ца вуссуш, сан когаш кIела туй кхуссу цуо. -  Цамгаро а, радиацис а, Европо а талхийна хьо. ТIом чекхбаьлла, Далла хастам бу. Вай маьрша даха лууш ду. Кхин цхьанге герз кхуьссуьйтур долуш а дац. И тайпа герз муххале а. Суна и топ а ца гина, ахь соьга и кхин хьахор а яц. Вита со. Сатеде хьайн. ТIаьххьара боху хьоьга. Кхетий хьо? – машен дIаиккхира.
Цхьадолчух суо кхеттехь а, цунах тиеша а, иштта ваха а ца лаьара суна. Сан кхин цхьа герз а ду – шалго топ, цара дIаяьхьна йолу. Ас дIаязъяйтина массо оьшу кехаташ долуш таллархойн топ ю иза. Со райцентре вахара. Эвлаюккъехь дуккха белхаш бина цIанъеш яра меттигаш. Милицин отделан гонаха лекха аьчкабетонан керт яра. Жимочу корана тIекхаьчча, дукха адам дара шайн-шайн баланаш бахьаш деъна. ТIепаза байна гергара нах лоьхуш бу дукхахберш. Сан тоьпах долчу къамеле ла а ца дуьйгIира.
ТIаккха ас коменданте тIевита со аьлла кехат яздира. Оцу даржехь ваша Гехон кIентан кIант вара. Цуо ша тIе ца оьцу, цуьнан метта волчо тIеоьцур ву, бахьана дийца диеза. Ас и бахьана яздича, эккхийра со, генавала аьлла. ТIаккха суьде ваха дагадеъча, тхан цигахь суд а ца хиллера. ГIалахь ю элира соьга.
Соьлжа-ГIала а жимма цIанлуш яра, делахь а хьакълагIаш а дукха ю, блок-посташ а ю. Нохчийн милцой алсамбевлча санна хийтира суна, уьш а оьрсашна гIо дан юкъабахкийтина бара.
Суьдехь а дукха адам дара шайн гергара нах лоьхуш баьхкина. Со тергал а ца вира, кIадбоцу гIуллакх дахьаш веъна хьо аьлла. Халла Лакхарчу суьде а, прокуратуре а со кхаьчча, хьо вехаш Iачу метте хьала а гIой, къастаде хьайн гIуллакх, боху соьга.
«Цигахь хилла со, тIе ца оьцу», яздо ас.
- Бакъ ца оьцу. КIадбоцу гIуллакх ду иза.
«Суна-м дац. Сан долалла ю а. Сан цIа чуьра и топ а,  кхин хIуманаш а дIаяьхьна»
- Арз язде.
«Ас яздинарг цхьанхьа а дIа ца оьцу».
- КIадбоцурш  къесто хан яц. Тоьпах ахь хIун до? ДIавала кхузара.
«Ас Москва арз дийр ду!»
Дешшехь ООН-е дие, я Страсбургский трибунале. Хьажал тIепаза байна нах мел бу. Хьо цхьа топ юьйцуш лиела.
«Сан доьзалера кхоъ вийна», - хаам бо ас.
- ТIом бара! – боху соьга. – ХIинца маьрша дахар ду. Герз а, тоьпаш а магош яц. Вало, воккха стаг, топ а йитий маьрша ваха хьажа.

21 сентябрь, буьйса
Тоьпаш а ца кхуьссу, бомбанаш а ца етта – дахаран хьелаш хьалхачул гIолехь ду. Стаг вийна, я буьйсанна юккъехь дIавигна бохург а кIезиг хеза. ГIишлош ян а йолийна. Тхуна юххера дозанан чIагIо сиха хьалаеш ю. Цига некъ а биллина, ток а ялийна, кестта газ а хир ю, боху. Суна гена ца ваьлча а зIетуоха йиш ю.
Луларчу юьртахь ишкол хир ю боху. Шен тIай тодина. Дина а, дийр ду бохуш а кхин шортта ду. Шен-шен хенахь суна схьалуш пенси а ду. Амма дукхах берш суна гIайгIане хиета-кх. Соьгахь а вуон хьал ду. Цхьа а бакъо йоцуш ву со. Хьайн пенси а оьцуш хене вийла боху. Со цхьанна новкъа ца гIиртичахьана, суна новкъарлоеш а адам дац. Со иштта Iалуш вац. Нийсо лоьхуш, биекхам бан лууш мел ву а, сайн докъазалла а, гIелалла а гучуйолу суна.
Беран хенахь, берийн цIийнехь со волуш санна дагчу кхиерамаш туьйсу суна. ХIинца сайн махках волуш санна сайн еттарх, таIзар дарх, сайн гергарниш хIаллакбарх ян дуьхьало йоцуш висира со. ГIапло, я цул а оьшуш лай ву-техьа со? Дера вац-кх. Маьрша ву. ХIетте а со аравала йиш йоцуш, радиацин палати чохь воллуш санна хиета. Шовдас ша йолчу кхойкху. Массара а дIавахча гIолехь дара боху.  Цигахь со вала а велла юха аьчкан яьшкичохь сан дакъа схьадахьаш Шовдас а, гергарчара а бала хьоьгур бу. Я цигахь дIаволла а, я ваго а тарло. Суна суо кхузахь тхешан кешнашка дIавуллийла лаьа. Сан кошевала стаг ца вуьсуш халахиета. Массо а дIаваьлла. Сан  тIаьхьие  яц.
…Шен цхьана гIуллакхна Нохчичу веъна Маккхал. Со волчу хьала а веъна Шовдас яздина кехат схьадели:
«Дада, ахь гурахь вогIур ву, ма аьллера. Схьаволахь. Сагатдеш, хьо варе хьоьжуш ю. Сайна юххехь оьшура суна хьо. Хьуна цхьаъ хиларна кхоьру со. И кассета цхьанне гайтиний ахь? Оцу милцочуьн йишина цхьаъ туосаделлачух тера хийтира суна. Хьо дIавигахьара  бохуш, диехар  дора  цуо.
Кхузахь цхьана адвокатаца къамел хилла сан цу кассетин хьокъехь. Цуо и жоьпе озо аьтто хила мега боху. Делахь а, хьо цигахь а волуш и гIуллакх дIадоло ца яьхьа со. Цуьнан ахча шорта ду шен нуьхьарш кхуза бахкийта а тарло цуо. Уьш-м мухIажарш бу шаьш бохуш кхузахь лиелаш а бу. Юха а Делан кхиеле дIа а елла и боьха хIума Iийча гIолехь а хиета. Дада, доьху хьоь, схьаволахь! Декабрехь сан концерт ю. Хьо зал чохь хила виеза.
Кехат дагаделахь».
Маккхала со волчохь буьйса яьккхира. Лаьмнаш хаза делахь а дIавахара, соьга шаьш долчу маьршачу Европе дIавола бохуш дехарш а дина. Iадаккха дIавогIур ву со аьлла и новкъа а ваьккхина, меттигера милцо волчу вахара со.
«Кассета гиний хьуна»? – яздира ас.
- ХIун кассета! Ахь суна ца гайтира и, Iинчу кхоьссина аьлла.
Цуьнга дийца хIума дацара. Цуо боху:
- Хьо волчохь Европера хьан захал варий? Магош йоцу литература еарий цуо? Еанехь ягаелахь.
Сингаттаме ду.

29 октябрь, буьйса
Дог ца догIуш, язданза дикка хан яьллера. Дика а, вуон а къасто и хIун ду хаар ду-кх дахаран маьIна. ТIаьхьарчу хенахь со къийвелла, сатийса а, догдаха а хIума ца дисна. Цундела меллаша дIабовш лаьтта сан дахаран чIурам. Чуьра аравала а ца лууш, хала денош догIура суна.
Сайн дай бIешерашкахь оьзда баьхначу хIокху лаьмнийн исбаьхьалла тергалъян а дог ца догIура. Цхьаллехь сан чаккхие ларъян эхь хиета. Хала а ду. Хьуна тIехь шадерриг хедаш хилар лан а хала ду.
ХIора сохьтехь бохург санна сайн гIора кхачош хидар хаалора суна. Сан лазар мелхо а даьржаш дара сан дегIаца. Азлуш ву со. Кхерам а, бенцахиетар а ду. ХIинца шовдан хи а кхехкош бен мала ца ваьхьа.
Дерриг а дуьне, вайн пачхьалкхие а, массо хIума а ахчанца дустуш, телхина догIуш санна хиета. Адамаш хилла ца Iаш, гондахьара Iалам оцу цамгаро бехдича санна хиета суна. Нохчий а иштта ахчано Iехийна талхича, хIокху лаьмнаша муха ловр ду-техьа, олий хиета суна. Цу лаьмнех эхь хиета суна, суо ледара хиларна. Вала а ирс ца хилла сан, сайн сайх хьожа а йогIуш телхаш ву. Сан катетер чуьра схьоьхург а тоьур ю. И кест-кеста цIанъян йиезаш ю Суна хIума яа а ца лаьа, катетер хьовх. Со ваха а ца ло, я ваха а ца лаьа суна. Валарна а кхоьру. Шен тIаьхьие а ца йитна, чIир а ца йоькхуш дIаваха  и  аларна  кхоьру.
Юха а гучуволу меттигера милцо.
- Кассете хьажахь, - боху.
Хьожу со. «Могиканех тIаьххьарниг», Гойко Митич а волуш шира кино ю. оцу кадечу кIанта, ша цхьаъ бен ца висча а къарцалуш динчух самукъадолий, дог-ойла гIотту сан. Кхин а шозза хьаьжира со цуьнга. КIорггера маьIна долуш – ваха а, къийса а диезаш хилар гойтуш кино ю иза. Суна а лиира юха ваха, тIома а ваьлла Кавказе хьажа а. Тхов тIера дельтаплан охьаяьккхира ас. ЧIогIа йохийнера иза.
Ас кхин чIогIа а, дика а тоеш меттахIоттийра. Ас цу тIе хIоттийначу навигаторо мох мел чехка бу, мичара схьахьоькхуш бу, чехкалла, локхалла, кхийолу билгалонаш гойтура. ТIомаваьлла  лиелачохь  гIодийр  долуш  гIирс  бу.
ХIинца четаран кIади оьшура. Пятигорске а вахана цIен-кIайн бос болу Нохчичоьнан ширачу байракхан санна кIади ийцира ас.
Декхна хаза де дара, кхузахь гурахь ма-хиллара. Малх а, мела мох а бара. Цкъа хьалха гIуллакх ца хилира. Кхоьрура. Гена ца велира. Кхерам дIа а баьккхина, сайн хууш ма хиллара, лекхачу тарха тIе хьала а ваьлла, дIасахьаьжира со. ХIаваэхь лиела тIемаш даржийна аьрзуш дара. Уьш санна хила лаьа суна а. Сайн навигатор латийра ас. Цуо хIун гойту хьожуш Iийра вехха, айса доьхкарш муха дIатесна хьаьжира. Жимма дIа а ведда тарха тIера дIакхоссавелира. Хьалахьоькхучу мохан тулгIено айъина ваьхьира со. ХIинца суна сайн тIемаш муха лиело диеза а хаьа, хIаваан ницкъах пайда муха иэца биеза а хаьа.
Цу кеппара дагна там хуьлуш, сайн ницкъах воккхавер цкъа а ца лайнера ас. Австрехь хилларг а цхьа берийн ловзар санна дара. Кхузахь со дуьххьарлераниг ву, суна а, я цхьанне а ца хаьа кхузара мехаш муха хьоькхуш ду. Суо мича хьур ву а ца хаьа суна. Дельтаплан лиело гIерта со. Цунах сан гIуллакх а хуьлу. Суна бухахула тIехдуьйлу лаьмнаш, хьаннаш, хиш. Кийра буьззина хIаваъ чу а узуш, мохь туоха лаьа, велла дIаваллалц иштта хIаваэхь лиела а лаьа.
Со-м кхин а дIагIур волуш вара, амма букъан а, ген а оьзгаш юлаелла лаьттина йогуш яра. Оцу синкъерамах воккхавен а кIордийра суна, дукха чIогIа тамхиларна  кхера  а велира.
Со охьавоьссинчул тIаьхьа, мича кхаьчна хууш а вацара. Хьуьнхахь тилвелча санна, корта хьийзара. Цхьа гена боцчу ломан буьххье а ваьлла дIасахьажа дийзира сан. Суна бухахь дозанхой гIап ю. ДIанехьо хьалаюттуш кхин цхьаъ а ю. Шийтта-кхойтта чакхарма дIавахана хиллера со. Лаьмнаш а хиедош, сайн дельтаплан а тиекхош юха ван хала хир ду. Со гIелвелла а, меца а ву. Амма керла дахар долалуш санна, хазахиеташ, ирсе ву.
ДIакхача герга вахча, «уазик» гучуели.
- Ахь динарг! Хаза дара! Къонах ву! – меттигерап милцо ву. – И лиело бакъо йоцийла-м хаьа хьуна. ТIома вийла.
«Лаьттахула тиекха бакъо юй?» - гойту ас, сайн дельтаплан охьа а юьллуш. Цунах куьг а хьокхуш боху цуо:
- Дика гIирс бу. Со ваьхьар вацара, - суна хьалха когаш тIе охьалахло иза. – Топ туоха аьлла омра ду. И дан диезаш вара со.
«ТIаккхахула тухур ю ахь», - гойту ас.
- ТIаккхахула хир дац. ХIара схьаяккха, я йохае аьлла соьга.
ХIинца суо вехь а юхавер воцуш, дарлой дIахIутту со. Сан ойланах кхеттачух тер аду и. Дуьххьара со шена гуш санна леррина соьга а хьаьжна боху:
- ХIара-м чIогIа пайдехь хIума хилла. Хьуна пайдехь. Бос баьхьна, мажвелла, бIаьргаш а хIиттина вара хьо. Ткъа хIинца – Чингачгук ву-кх, беснеш а цIийелла, бIаьргаш лиепаш ду. Топ кхоссалур юй хьоьга?
- У-у, - гIам-гIим до, хIун топ, бохуш санна.
- Дика ду, - жимма дIахуьлу иза. – ДIасакъаьста вайшиъ. Хьо кхин цхьанна гина ца хиларе сатуьйсу вай. Суна а ца гина хьо. ЦIа а гIой хьайн гIирс тхов тIе а баккхий, тийна Iе. Цкъачунна тийна. Дика дуй?
- У-гIу, - реза хуьлу со.
И дIавахара. Со кхин а шина сохьтехь басех хьалаихира. Хьацаро вашийна, со хьалаваьлча, сан лаппагIи уллохь лаьтташ кхин цхьа «уазик» яра. Дозанхой. Шиъ ву. Капитан а, прапорщик а. Капитан жима стаг ву. Ша мила ву а хоуьйтуш, маршалла хаьтти. Прапорщик ханна воккха а, зоьртала а ву. Цуьнан юьхь малар мийлина, цIийъелла ю. ХIинца а хьожанна юххехь а ца сацало цунна. Со а, сан катетер а гича мелла а боьхнера уьш. Прапорщик батт а саттийна юхавелира. Капитана хоьтту:
- Хьо варий и тIома ваьлларг? Хьо хилар гуш ду. И дельтаплан мичара яьлла хьуна?
Ас гIам-гIим до.
- Кхузахь и санначу хIуманашна тIехь тIомаволийла магош дац.
«Ручкий, блокноттий схьаэций ас?» - гойту ас.
Цул тIаьхьа яздо.
«ХIунда?»
- Юххехь доза ду. ТIомавийлар дихкина.
«Дозане кхача кхузара  дIа I5-20 чакхарма ю», - яздо ас.
- Мегар дац, - чIагIдо капитана. – Хьоьгараи и схьадаккха диезаш ду тхо.
 «И бакъо шуна хьан елла?»
- Дозанехь ду вай.
«Шун доза цигахь ду. Со сайн цIахь ву. ХIара дельтаплан сан долахь ду. ХIара сан латта ду».
- ХIан? – мохь болу прапорщике. – Муьлха  «цIа», хIун «долахь ерг», хIун «латта»?! Шу массо а кхузахь кхобуш Iаш ду тхо. Шуна тIома дийла дагадеъна. Кхузахь цхьан а тIома вийр вац!
«Тиекха мегий», - сан куьг диегош ду, дукха дарвелла.
- ХIаъ. Тиекха диезахь тиекхар ду шу, - мохь бетта прапорщика.
Соьга кхин ца язлора. Ас товш йоцу кеп хIоттийра куьйга эшарахь.
- ХIа-а! – чухьаьдира суна прапорщик. Капитана иза сацийра. Со сайн досбухе юхаволу. Диг кара ца лаьцна ас. Иза тIекхочехь ду. Капитана халла сецаво прапорщик. Важа шен хумпIар схьаяста  гIерташ ву. Машенан гIовгIа ю хезаш.
- Со меттигера милцо ву! Сан меттиг ю! Цхьаъ меттах ма вала! – цуьнан карахь автомат ю.
Массо а дIатийра. Капитана шаьш хIунда даьхкина дуьйцу. Прапорщик ву низам талхийна, ша сийсазвина, аьлларг ца до, бохуш, карзахвуьйлуш. Ша хIара иштта дуьтуьр дац боху. Со дуьхьала гIам-гIим деш ву. ТIевеънарг сайга хьаьжча, диг сайн карахь дуйла хии суна. Суна тIе а веъна и диг соьгара дIадаьккхи цуо. Сан лере а таьIна шабарш ди: - Йоккха гIовгIа яьлла, ирх а ца кхийсалуш IадъIе, - аьлла. Юха массарна а хозуьйтуш боху:
- Суна хиетарехь хIара дар-дацар къастийна девлла вай. Аш дика тидам а бина. Баркалла шуна, девзина а хазахиета, - Iодика еш санна куьг лоцу церан. Капитана боху:
- Тхан гIопан хьаькам ву кхуза схьавогIуш.
- Ас цуьнга дерриг а дIадуьйцур ду, - сатедо цуьнан меттигерчу милцочо.
- Хьакам керла веъна а, буьрса а ву тхан. Дельтаплан  хIаллакъе  аьлла.
- Кхин тIомавийларш хир дац, - чIагIдо тхан меттигерчо. – Дельтаплан гуттаренна  тхов  тIехь  Iуьллур ду. ХIаллакдина лара аш.
- Иштта мегар дац, - боху прапорщико. – ХIаллакдан диеза.
- ХIан? ХIара тIемало, я зуламхо вац. Хаза дельтаплан ду.
- Аш хIун до дельтапланах? – ца соцу прапорщик. – ТIомадийла дагадеъна царна.
- Ца мега? – меттигерчу милцон аз хийцаделла.
- Аьлла ду – ца мега!
Эццахь со чуьравуьйлу, гIам-гIим а деш чугIерта прапорщикана. Со юха а теттина цунна юххе таьIа меттигера милцо.
- Накъост прапорщик, хьо-м вехна ву, - цуьнан тIингар тIе пIелг Iуьтту.
- Э-э, - кхин а чIогIа оьгIазвоьдий хIара дIататта гIурту иза. Кхо иза юхавоккху.
- Лаьмнашкахь, къаьсттина дозанна юххехь маларш мийлар дихкина дуйла хаьий хьуна? Хьо низам талхош ву. Хьо сацо диезаш ву со.
- Аш хIун дуьйцу?, - юкъаволу капитан.
Жимма къийсамаш хиллачул тIаьхьа, шина а агIоно бохург дижийта сацам хилира. Сан дельтаплан тхов тIе соьга сайга а яккхалур йолуш яй ю. Делахь а, капитан суна гIо деш вара. Эццахь машенан гIовгIа хезира.
- Тхан хьаькам ву и, - аьлла дIахьаьдира капитан.
- Тхевнан чардакх дIа а къовлий, гучу ца волуш Iие. И хьан «кIентан кIант» ву боху схьавогIуш.
ХIинца со цуо аьлларг дан кийча вара. Чардакх тIера неI дIа а къевлина, хиеро йолчухула арахьоьжура со. Шина «уазик» тIера пхиъ-ялх автоматаш а карахь охьавоьссира. Хьалхарчу машен чуьра къона полковник охьавуссу. Капитана тIехьодий хаам бо. Полковник прапорщике хьоьжу:
- Юьстах хIунда вуьйлу хьо? Схьавоьл, - пIелгаца тIевоьху. – Юхаъ. Карцер чуволла. Рапорт а язде!
Эццахь тхан меттигера милцо тIевоьду бIаьхаллин кепехь коьрте куьг а лоцуш. Полковникца къамеле волу иза.
- Ма хаза сурт ду хIара! – боху полковника. Сан лаппагIина юххехула и шиъ тIехволуш, хеза сун:
- И чIогIа цомгуш стаг ву. Онкологи! И гича тоьур ду. И катетер. Вистхилалуш а вац. ЧIагIвелла ву.
- ТIома муха вуьйлу иза? – полковникан аз.
- Ца хууш, тахана дуьххьара тIомаваьлла хилла. И дельтаплан а кхузахь Iийначу цуьнан доттагIчуьн Максиман ду. И дагалоьцуш  кхуо  Iалашдеш  ду.
- Иштта делахь, цунна тIомавийла бакъо яла а мегар ду. Цига хьажа вай. Ма хаза, исбаьхьа сурт ду кхузара гушдерг! И малх чубузар! Кхузара дIа со суо тIома вер вара. Башха меттиг ю!
Эццахь суна хеза тIекхочуш йолчу дуккхаъчу машенийн гIовгIа. Полковника некъехьа хьожий олу:
- Шун хьаькам мадаре вац, иштта машенаш а хоьхкуш. Хьажа вайша.
Со а чардакхан вукху агIора волу. Цигарчу хиеронехь го суна ерриге уьйтIе а, аре а. Тхан хьаькамехь мадаралла ян а яц. Хьалха цунна тIаьхьахIиттина Iаьржа «Приораш» хиллехь, хIинца оццул Iаьржа джипаш ю. И ларвеш юххе ваьлла ткъех стаг а ву. Ша ваша Гехон кIентан кIант верстина, маж яхъелла, кура кеп ю. Амма оьрсийн полковникан хьалха-м яц. Цунна хьалха виелакъежна, хьесталуш къамел до:
- Накъост полковник, со хьо волчу ван лууш вара.
- ЧIогIа тамехь ду, - жоп ло полковника. – ХIинца ги-кх вайшиъ. Со суо а вара хьо волчу вогIурволуш. Хьо даима а Москвахь хуьлу-кх.
- ХIаъ, академехь доьшуш ву со. Кандидадтски кечъеш ву. Кхузахь ледарлонаш юьйлу. Оха уьш дIайохур ю. ТIомавалар-м хьовх, лаьттахула тоькхуьйтур а вац оха цхьа бакъо йоцуш.
- Дика боху. Хьуна  полковникан  дарж  эрна  делла   дац.
- ГIуллакх дан кийча ву… Мичахь ву тIомаваьлларг? – шен накъосташка мохь туху.
- Ца оьшу, - доьху полковника. – И чIогIа цомгуш ву, аьлла соьга, цуьнан рак ю, ган тамехь а вац боху иза….
- Цуьнан сибат а, ойланаш а цомгуш,  - чIагIдо кIентан кIанта. – Кестта ша лийр ву.
- Делахь а, мел хаза меттигаш ю кхузахь. Хьуьллахьа малхчубузаре хьажа вайша, - боху полковника.
Сан  лаппагIи  юххехула  вуолало  и  шиъ. Церан  къамел  суна  хезаш  ду.
- Хьох Джо олу? – хоьтту дозанхочо.
- Раци чухула кхойкхуш олу.
- ХIун башхалла ю и. Хьо-м ларор волуш ву. Ас ткъа шарахь гIуллакх дина, ши академи чекхъяьккхина полковникан дарже кхочуш. Ткъа хьо оццул къона велахь а полковник ву. ХIаъ, мел дукха мотт бетта безна хир бу хьан, бехк ма биллалахь, гIуллакх  дан  дезна хир  ду хьан цу дарже кхача а, и совгIаташ даха а!
- Даймахкана муьтIахь ву!
- Хасто хьакъ ву! Кхузара башха сурт го. Кхин а дIанехьа вер ву вайша вовшахкхеттачара. Дан  къамел  ду. Башха  сурт  ду!
И шиъ берда йисте дIавоьду. Цара дуьйцург суна хезаш дац. Жимма къамел а дой юхавогIу и шиъ. Полковникан аз хеза суна:
- Хьан фазенда хазчу меттехь ю. Хьо винчу дийне кхойкхуш хилча, ван хьожур ву со.
И шиъ хIинца суна гуш вац. Къамел хеза.
- ХIара фазенда хьенан ю?
- Кхузахь массо а хIума вайн ду-кх.
- Хьа-хьа, ала хууш  ву. ХIара  башха  техника?
- И пачхьалкхан ю.
- Иза нийса боху. Хаа деза. Хьо дельтапланаца тIома ваьллий?
- Хьа-хьа, - велало тхан полковник.
- Бакъ ца волу, - резахуьлу дозанхо. – Лаьттахула дерг гIолехь а, тиешаме а ду. Со   тIома   вер   волуш вара. И гIуллакх диезаш ву со. Амма кхузахь суна мегар дац.
- Кхузахь  оха  тIомавийла  цхьанне  а могуьйтур  дац.
- ХIаъ хьуна, дукха чIогIа вицлуш а ма хила хьо. Кхузахь а, массанхьа а бокъонаш хIиттош берш кхин нах бу. Хьо и бакъонаш ларъян дезаш ву! Хье-хье. Инарла хиларе сатуьйсуш воцу полковник ледара ву. ХIинца ахь кхойкхуш хилча, хьо волчу райцентре гIур ду  вай. Лаьмнийн бакъчIара бу боху ахь?
- Шадерриг а хир ду!
Машенийн мотораш  уьгIира. Шаберш а дIабахара. Со вицвеллачух тера дара царна. Делахь а дикка Iаржяллалц тхов кIеларчу чардакхехь а Iийна охьавоьссира со. Мацвеллехь а, гIелвеллехь а со сайх воккхавеш вара. ХIинццалц кхузахь цхьаммо а ца динарг динера ас. Со тIомаваьллера! ТIаккхахула а вер ву, со ваха лууш ву, вехар а ву. Даима а!

1 ноябрь, буьйса
Дуьненчуьра берриге дика лоьраш цхьаьна а кхетта, со уггаре дикачу больнице охьа вижийна суна дарба лелийча а ца хиндолу дарба хилира суна оцу тIомаваларх. Цхьа ткъеитт шарна суо къонвелча санна хиеташ вара со. Сан кийрахь керла дахаран хьоста кхолладеллера. Суна юха яздан лаьа, яздан хIума а ду, Iалашо а ю. Делахь хIета  сайн  кIантана хьалха  дала  жоп  хир  ду  сан.
Цу буса ас беро санна, гIенах тIома а вуьйлуш, мерза наб йира. Iуьйранна араваьлча, цхьа а марха йоцуш сайна стигал а, цIена хIаваъ а, херх санна гуш Башломан баххьаш ду. Наггахь бен гуш боцу генара Казбек а, цунна дIанехьо лаьтташ болу жимма лоха Спартак а го. Царех хьекхалуш дуьххьарлера маьлхан зIаьнарш ю. Ткъа юххехь лаьтташ ду Тебулос-мта,  Ко-мта а, Диклой-та. Церан баххьаш малхо цIийдина.
ЦIаьххьана хеза суна басах хьалайогIучу машенийн гIовгIа. Дозанхойн ши машен ю. Цхьанна чуьра селхана санна каде салтий охьалилхи. ШолгIачу машен чуьра схьахезаш хаза мукъам бу. Гучуволу полковник. Цуьнца цхьа зуда а охьаюссу. Со а, сан катетер а гича уьш, къаьсттина и зуда, цецбовлу. Полковника боху:
- Сан хIусамнана. Селхана вайшиъ вовзар ца хилира. Тахана хаза де ду. Кхузара  хазалла  гайта  ялийна  ас  хIара, - ша  шен  зуда суна  йовзуьйтуш.
- Инзаре! – цецъюьйлу зуда.
- Суна хIара саннарг цхьанхьа а ца гина. Со дуккхаъ меттигашкахь хилла ву.
Лаьмнийн суьрташ доху цара. Шайн суьрташ а доху.
- Кхузахь вехаш хила виезара. Хьан дельтаплан мичахь ю? Со а ма ву наггахь тIомаволуш.
Салташа гIо а деш, чардакхера дельтаплан охьаяьккхира оха. Ас ца яздича а дика  кхетара  полковник  ас  дуьйцучух, сан  куьйгаэшарах.
- Аппарат шира елахь а дика йина ю. ХIара хIун ю? Навигатор. ХIара саннарг суна гина а яц. Дика хIума ю, - сан компьютер теллира цуо. Суна дуйла ца хууш долу дукха хIуманаш а карийра цу чохь. Ша жима волуш, Алтайхь дельтапланаца  тIомавийла  вуолаваларх лаьцна дийцира суна.
- Камчаткехь мох мичара хьокхур бу ца хууш хала ду. Карелехь дика дара. ХIинца  хIора шарахь зудчуьнца Франце воьду со. Альпы олучу лаьмнашкахь а дика ду.
Суо а цигахь хилла  ала гIерта  со.
- ХIан-хIа. Кхузахь гIолехь ду, - инзарвуьйлу полковник.
Ас жима стол а, гIанташ а арадоккхий, айса гулйинчу бецех дика чай а, моз а хIоттадо. Берда йистехь охьа ховшу тхо. Массарна тайра, къаьсттина моз хиестадора. Ас полковникана моз чохь долу банка елира. Зудчунна – Шовдин мукъамаш тIехь долу диск.
- ХIара хьан йоI ю? ЛадогIа вай.
Полковника шен машен юххе а ялаяйтина диск чухIоттийра. Массо а дIатийна ладугIуш Iаш, къаьсттина зуда цецъяьлла хилар гуш дара. Полковника шен визитка елира соьга, муьлххачу хенахь зIетуоха мегар ду хьуна, аьлла. Уггаре а коьртаниг: суна тIомавийла бакъо елира.
- ТIеман беркеманашна, кеманашна а дихкина ду кхузахула лиелар. Дельтаплан маьрша ду. Сан тIома вала бакъо яц цкъачунна. Кхиераме ду. Ткъа хьо тIомавийла мегар ду. Гена а ца волуш, Гуьржехьа ма гIуо. Коьртахь гIем* хила йиеза. Ас лур ю хьуна иза.
*гIем – корта  лаза  ца  байта,  коьрта  туьллуш болу,  чIогIа  куй (шлем)
Суна и товш хийтира. ТIехьаьжна а Максимах тера вара иза. Ша машен чу хиъначул тIаьхьа боху:
- Шун коменданта ша волчу фазенде кхайкхина соьга. Кхуза лаха чохь ю боху иза. Цигахь уьстагI а, чIара лацар а, таллар а. Хьо хир вуй цигахь?
«Вац», - гойту ас.
- И кхиераме-м дац? ТIемалой а, и ша а? – ас белшаш саттийра.
- Кхийтира. Хьовсур ду вай.
Уьш дIабахара. Сан «Iалашо! Кхузахь гучуер йолуш ю. Ас сайн иччархойн топ яйъи. Сан кийра цIе летира. Дуьненан хазалла ца гуш, тоьпан Iалашонехула хьажа лууш ву со. Суна герз оьшу, сайн шалго топ мукъане а… Оьцур ю. Меттигера милцо дагавеара суна. Иза ша схьакхечира. Макхвелла а ву. Со шен машенна гена а ваьккхина, шабарш деш хоьтту соьга:
- Хьо волчу шен зудчуьнца дозанхо веарий? ХIунда?
Ас белшаш саттийра.
- Хьан «гергара стаг» дарвелла. Цхьаннах а тешаш вац. Тахана оцу дозанхочо  хьо  кIелхьара  ваьккхира.
«Муха?», - гойту ас.
- Ца хаьа. ХIунда делахь а, тахана Iуьйранна цкъа а ца хиллачу кепара  дера гучу а ваьлла, хьо схьавалаве  аьлла  омра  дира.
«ТIаккха?» - хоьтту ас куьйга эшарехь.
- Новкъабевллера. Кхузахь  шен  зудчуьнца  полковник  гина.
«Кхерабелла хIорш?» - блокнот тIе яздо ас.
- Ойла цина. ФСБ-н полковник, зуда юххе а яьккхина, лаьмнашкахула лиелар лаа дац. Ас аьлларг дича, хьо кхузара гена вер вара, цхьана ханна мукъане а.
«ХIунда?»
- Дукха чIогIа шеквуьйоуш а, дарвелла а ву иза. Кестта президент хоржур ву. Хийцамаш хилахь, цуьнгахь  вон  хьал хила  тарло.
«И вина де маца ду?» - язди ас.
- Кху деношкахь. ХIунда боху ахь?
«Сан иччархойн топ…Мах лур бу хьуна», - яздо ас.
Цхьа цецваьлла соьга а хьаьжна, боху:
- Къена а, цомгуш а велахь а суй болуш ву хьо! Хьан кIант а вара хьох терра.
Сан жимах волчух лаьцна дуьххьара ша и къамел долийра цуо. Тахана цхьа ойлане а, чIагIвелла а вара. Суна жоп ца луш, шен машенехьа дIаволавелира. ТIаьхьа а веда сайн блокнот цуьнан меркIела оьхьу ас.
- Юхаъ хьайниг дуьйцу ахь? – реза вац. Мийра тоьхна жимо чхар берзах чу бахийти. Ший а цу агIора  хьаьжира тхойшиъ. Цо хоьттура:
- Цига  кхоьссира  ахь  кассета?
«У-гIу», - гIам-гIим дира ас.
- Суна карийра иза хи чохь Iуьллуш. Суьрташ хиэ талхийна, хIуммаъ къаьсташ дац. Цу тIехь хIун дара дуьций ахь?
Со, хIун дича бакъахьа ду ца хууш, ойлане ву.
- Суна ши-кхо шо хьалха цунах дерг дийцина. Герггачу хьесапехь хаьа суна. Ас иштта эр ду хьоьга. ТIеман хенахь хуьлуш хуьлу. Масане. Нагахь санна зуламхо дохковаьллехь, къинтIера а ваьлла вита мегар ду, аьлла хиета суна. Иштта а масане велла вайн. Амма иза и ца дар хьовх, мелхо а вай вешан дайх диснарг дерриг а дицдина, ямартхой а, лай хила диеза бохург лан хала ду. И бу боккха буохам а, бала а.
Иза аьлла ваьлча, ас яздира:
«Церан  и  чекхдер ду, аьлла  хиетий  хьуна?»
- ХIара ду царна, - оьгIазе  кхаа  пIелгаца  кеп  хIоттийра  цуо.
Со инзарваьллера. Цуо кхин а  бохура:
- Хьо санна цхьа аьтто баларе хьоьжуш со а ву. Амма цу зуьдан шиеконаш ю. Сох ца тиешаш, чIогIа ларлуш ву.
Сан бIаьргаш тIунделира. Ас иза маракъевлира. Къона, онда жима стаг, сайн кIант санна и хиеташ. БIаьрхиша хIуммаъ ца гойтура. Делахь а яздо: «Хьан доьзал бу. Iовдал ма хила. Сан диса хIуммаъ дац. Со биекхам бан декхарийлахь а ву. Сан топ схьалохьа».
- Хьа-хьа! – виелало иза. – Иза оцу шен ирзоне вогIур ву моьтту. Шен IиндагIах а кхоьруш ву иза. Массо а ша санна ву моьттуш, цхьаннех а тешаш вац.
«Дозанхо  кхайкхина  цуо  ша  волчу», - яздо ас.
- ХIан? Дозанхо а вогIур вац. Хьуна и полковник Iовдал ву моьтту кху Iаннашкахула нехан вина денош даздеш лиела?! Кеп ю иза. И хьайна дагадеънарг а дицде. Цкъа делахь, соьгахь и топ а яц, шолгIа делахь, оцу ахь кечйинчу кIелонера хьоьга и нийса туоха а лур яц. Дукха гена ду.
Кхин а чIогIа цецволу со. Цуо виела а къежаш боху:
- Хьуна хьайн кIиело цхьанна карор яц моьттура. Нагахь хьан дIаьндарг дIакхетахь а, хьо сихха карор а ву, вуьйр а ву. Хьайн йоьIан ойлае. Хьо воцург кхин стаг вац цуьнан.
- У-гIу, - гIам-гIим до ас.
Цуо сан куьг схьалоцу.
- Сан йиший, Шовдий вовшашца зIелаттош юйла хаьа хир ду хьуна. Хьан йоIа доьху хьоьга, хIара Iа даккха ша йолчу дIавола, бохуш. ДIа а гIой, сатедай хан яккха. Кхузахь харжамаш хир бу. Хьалхарчу президентан кIант тоьлур вуйла хаьа суна. ТIаккха оха массо шен-шен метте дIанисвийр ву, Делан лаамца. Барт хиллий  вайшинна?
- У-гIу, - хIун яздан диеза ца хаьа суна, цуо бохучунна дуьхьалдаккха хIума ца карадо.
- Шовдех къахиетахьа. Иштта а дукха иэшамаш хилла цуьнан дахарехь. ХIара а, вай а Дала дIанисдийр ду. Кечло.



3 ноябрь, буьйса
Сайн йозанийн а, сайн дахаран жамI дан хан тIекхочуш юйла хаьа суна. Айса цхьа доккха хIума деш санна долийнера ас хIара йозанаш. Сайн дахаран маьIна ган лууш вара. Соьга а, я цхьангге а гайталур дац дахаран маьIна – и чIогIа чолхе а, хаа  йиш йоцуш а хIума ду.
Законех дерг аьлча. Уьш хIорамма шен ма-хеттара туьду. Адамийн амалех доьзна ду дукханиг. ТIом болчохь адамийн амалш хийцало. Сан лаппагIи чохь а цкъацца дика болх беш хуьлу телефонан зIе. Наггахь ломан буьххье ваьлча а зIе ца хуьлуш хан йогIу, массо а гIирс шен меттехь лаьтташ белахь а. Масане ду адамийн дахарехь ца кхиеташ а, къайле хаа йиш йоцуш а хIуманаш.
Дахаран маьIна хIун ду хьажа гIиртина со. Ца хиира. Хийцалуш а, бIостанехьа доьрзуш а ду дукха хIуманаш. Хийцам ца хуьлуш, и дуй-техьа маьIна? – доьзал бу-кх! Сан доьзалах йиснарг цхьа йоI ю. Со дийнахь шозза-кхузза лекхачу лома буьххье вуьйлу, цуьнан аз хазархьама.
Даима хезаш дерг цхьаъ ду: - Дада, хьо схьа маца вогIур ву? Доьху хьоьга, чIогIа доьху ас.
«Кху деношкахь», - яздо ас.
Кхин яз ца луш, яздан ца лууш ву со. Стенах лаьцна яздийр ду? Аьлла ма ду, хьо ца яздича Iалуш вацахь бен, яз ма де. Ца яздича, массарна а гIолехь ду. Европехь айса яздийр доцийла хаьа суна. Цигахь тийна а, цхьана эшарехь а ду дахар. Яздан хIуммаъ хир дац.  Иштта сан йозанаш шовда санна лакъа тарло. Со хIинца а дIаваханза ву, кечлуш бен вац.
Сахуьлуш сан неI туьйхи юьртарчу кIанта.
- Сийсара меттигера милцо валанза ваьлла. Чевнаш а хилла больницехь ву, - боху цуо.
ТIаьхьуо меттигерачу радио чухула а хаам хили, ламанан кIоштехь тIемалоша милицин белхахочунна тIетохар дина, аьлла. Сайн дIавахар а дитна, чехка эвла юккъе вахара со. Цигахь дийцира. Буса кхузарчу меттигашкахула дIасалиелаш цхьа а ца хуьлу, кхиераме долу дела. МаьркIажехь меттигрчу милцога раци чухула хаам бина, цхьана некъан йистехь коьллаш юккъехь Iуьллуш цхьа шеконе тIоьрмиг бу, аьлла. Эккхар йолуш хIума юй-техьа иза? Ваха а гIой и хIун ю хьажий, хаам бе, аьлла омра дина цуьнга.
Цуо ваха а вахана чохь нехаш а йолуш тIоьрмиг бу аьлла хаам бича, йозанца чIагIбе и хаам аьлча, иза а кхочуш дина, райцентрехь буьйса яккха дагахь сецна и. Хьаькамо Соьлжа-ГIалара хьала телефон тоьхна, юьрта хьала гIуо, кхана беркеманахь ишкол яран хьокъехь цига йогIуш делегаци ю аьлла.
Меттигера милцо мелла а шекваьлла. Делахь а ваха диеза. Цуьнан машен шина агIора бронежилеташ оьхкина яра. Шена тIе а йоьхнера цо бронежилет. Коьрта гIем тиллина а хиллера. Тхан юьрта хьала кхача цхьа чакхарма йисча эккхар хиллера. Масех чов хиллехь а, лен чов ца хуьлуш виснера иза. Машенан тIехьара агIо лоцуш нисделлера и эккхар, моторна хIума ца хуьлуш. И ша а лелла борз хиларна, сихонца машен дIаэккхийтина яссаеллачу чкъургашца юьрта  схьакхаьчнера, воьдуш лаьтташехь шена хилларг рацичухула шен накъосташка а хоуьйтуш.
Кхаа машенахь шайн накъост волчу хьалабаьхкинчу цара иза вадийна цкъа хьалха райцентрехь зеделларг долчу лоьре чевнаш а ехкийтина, гIала охьавигинера. Ши ког а, аьтто пхьарс гаьргаш кхетта чевнаш хилла бара. Уггаре кхерамениг вортанах йина чов яра. Цуьнгара хьал чIогIа хала дара.
И туохар сайна дича санна хиеташ холчахь вара со. Кхеравелла веддарг хуьлуш вара со. Шовда а зIе етташ, хаамаш боуьйтуш. Цунна хилларг хууш ду: «ШолгIа туохар хьуна тIехьажийна хир ду! Дада, доьху хьоьга, сан дуьхьа, схьавола!  Сох къахиетахь. Хьо бен кхин стаг вац сан».
Кхузахь а со цхьаъ бен ца висча санна хиеташ ву со. Чингачкук вац со. ГIорасиза а ву. ХIинца хаьа суна и меттигера милцо сайн онда чIагIо хиллий. ХIинца со къена а, гIийла а ву. КIилло хуьлу сох дIавахча, ца вахча Шовдех къахиета. Со кхара сиха хIаллаквийр ву… СхьабогIуш бу. Машенийн гIовгIа хеза суна… И дозанхойн полковник хилла, Iаьржа куьзганаш доьхкина. Цуьнан гIаролхой а бу.
- Хаза де ду! ТIома вала виезара! Хьуна  айса  лур  бу  аьлла  гIем.
Коьрта  туьллий  гIехьа  буйла  хьожу  со. ГIехь бу.
- ХIинца кхиераме  хир  дац  хьуна  тIома  вала. Дельтаплан мичахь ю?
Ас чардакхе куьг хьажадо.
- О! ДIахIоттийна ахь. Бакъ. БIаьсте яллалц собар дан диеза. ХIинца хало хир ду. Делахь, синоптикаша дика йоькхана хир ю боху кху деношкахь. Сан хIусамнана интернет чухула хьаьжна хиллера, хьан йоI дика артистка хилла. Цуьнан дIаязйина кхин хIуммаъ юй хьан, бохуш яра иза. Со сайн лаппагIи чу вуолавелча, тIаьхьа боху:
- Суна хьайн моз а гучудаккха. Оьцур ду ас. ЧIогIа дика моз ду хьан. Кхузахь-м кхечу агIора хуьлийла а дацара иза. Ма беркате меттиг ю. Кхузахь вехаш Iийр вара со.
Ас  алхашкахь  моз а, Шовдин  ши  диск а схьадеара.
- Ас мах лур бара… Доккха баркалла, - боху полковника. Ша дIаволавелча эли. – Тахана чIогIа гIийла ву хьо. ХIан, - юха а воьрзий, - туохар дина бохург хезний хьуна?
Ас корта таIийра. Сан лере а таьIна боху:
- Кхана шун хьаькаман фазендехь цуьнан вина де даздийр ду боху. Ас вогIур ву аьлла  дац хIинцаъ. Ойлаеш ву со. Цхьана агIора хила а лаьа. Сакъиерар а, меттигерниш  бовзар а хир дара. Кхиераме дуй-техьа?
ХIун эр ду ца хууш лаьтта со.
- ТIемалой, зуламхой?
Ас сайн киснара блокноттий, ручкий схьаоьций, яздо: «Кхиера ца оьшу. Кхана хьо церан  сийлахь хьаша хир ву. Кхечу деношкахь церан хьаькам ву хьо».
- Хьа-хьа-хьа, - виелало полковник. – Башха эли, - сан белшан тIе куьг а тухуш. – Хьо кхузарчу нахах тера вац хьайн хотIаца а. Хьекъал ду, иштта къоналлин карзахалла а ю. Оьрсийн  классикашкахь сайн бевзина нохчий хьо санна хиетара суна. Амма нохчийн хатI а хийцалуш  ду, моьтту суна.
- У-гIу, - резавоцуш гIам-гIим до ас.
- ХIаъ, хьо тахана дика вац, - юха ша машен чу хиъначул тIаьхьа. – ЗIетуоха соьга, я хаам язбе. Даима а хьан гIуллакхе хьажа кийча хир ву со, - юха лаьмнашка а хьожий, - Хаза  сурт  ду. Кхузара  дIаваха а ца лаьа.
Со сайн тархан йисте а вахана охьахиира. ДIа муха гIур ву кхузара? ДIа ца вуодахь а, со тIаьххьарлераниг ву. Сан дай баьхначу меттехь цхьа хийра стаг вехар ву-техьа, кхузахь шена хIусам а йина? Халахиеташ делахь а, цу тIе догIуш-м ду хIара… Суна Лермонтовс нохчех лаьцна «Валарг» аьллачу байтIехь яздинарг дагадеара. Сох лаьцна долуш санна хиетара суна и дешнаш:
Сан ойла: «Декъаза хьо адам.
ХIун оьшу цунна? Йиекхна стигал!
Массарна а меттиг шортта ю.
Ца соцуш амма даим эрна
МостагIалла лиелош ву и – хIунда?»
Ши бIе шо хьалха Лермонтовс императорх аьлла «декъаза адам». Тахана со ву декъазниг. Соьга хIун далур ду? ТIулг кхуссур бу ас, я сардам буллур бу? Мухха делахь а, со кхузахь оьшуш  вац. Новкъа ву.
Юха а машенийн гIовгIа хеза суна. Лаха чохь хьаькаман фазендехь кханенна киечам бан масех машенахь хьалабаьхки уьш. Полковника а ша вогIур ву аьллачух тера  ду. Дика киечам бан биеза церан.
ХIинца со волчу уьйтIа кхечи машенаш. Шина «джипа» тIехь ялх стаг ву мажош а евлла. Уьш кхузара бац, герзах боьттина а бу. Цхьаъ суна тIе а веъна, вистхили: - Хьо дIаваха кечвелла ма вара? – цунна хууш ду. – ДIагIо. Хьуна гIолехь хир ду.
«ХIун хилла? ХIунда?» - куьйга эшарехь хоьтту ас.
- Хьайх  хьожа  ца  яийта, - боху цуо.
ТIаккха ас яздо: «Хьожа ца яийта бохург хьайна дагадеъна, я цхьамма аьлла хьоьга?»
- ХIара хIун ду? – сетта иза. – Суна диеша а, яздан а ца хаьа. Я лаа ца лаьа. Ваха атта ду.
- У-гIу, - гIам-гIим до ас.
- ХIей, схьавоьл цкъа кхуза, - шен накъосте кхойкху иза. – ДIадешал кхуо яздинарг. Вукхо доьшу. Мажъяьллачо боху: - Хьаъа аьллехь бен дац. Яхийта кхузара. Хьо дIаваха кечвелла а, хьоьга хьоьжуш Iаш йоI а хилча.
«Со новкъа ву хьуна?»
- Суна новкъа хила а виезара хьо! Яхийта чехкка, - маьттаза  дешнаш а тIетуьйхира цуо.
«Со хьан денден  хенара ма ву. Хьайн цIахь баккхийчаьрца а иштта къамел дой ахь?»
Жимма воьхна, цIийвелира иза.
- Со гIуллакхехь ву, аьлларг кхочушдан а диезаш. Кхиетахь, хьуна а, хьан йоIана а, вайна массарна а дика хир дара, хьо дIавахча.
«Шу массара лиелориг тергалдеш, ладугIуш ду?»
- Со-м вац. Иштта зама ю-кх. Терроризмаца  тIом  беш ду тхо.
«Со террорист ву?»
- Ахь бакъонаш талхайо. Дельтаплан мичахь ду хьан? Иза дохадай, Iинчу кхосса аьлла тхоьга.
- У-гIу.
Стигала хьала вахана тIомавала суна таро луш долу дельтаплан дуохуор ду аьлча, сан кийра цIе лета. ХолчухIутту со.
«Со кхана дIагIур ву. Дельтаплан дита», - яздо ас.
- Тахана дIагIур ву хьо. А дельтаплан – омра ду.
«Дика ду. Тахана. Дельтаплан дита».
- Омра!
«Хьенан омра?»
- Хьаькаман.
«Цуо со вие аьллехь, вуьйр вара ахь со?»
- ГIуллакхехь ву со, - суна дуьхьала ца хьожу и.
«Ахчан дуьхьа, я хьайн лаамехь?» - доьшу сан йоза.
- Кхин ма диеша! Омра! ХIей! – шиъ тIекхойкху. – Тхов тIера и дельтаплан Iин чу кхосса.
Ас сихха яздо: «ТIаккха со а цу Iинчу эккхар ву». Доьшучо гIара ца доккху сан йоза. Ас яздо: «Шу нохчий мукъане дуй, я мотт Iамийна аш?»  И мохь тухуш дIадийши доьшуш волчо. Массо а суна тIевирзира. ТIаккха цуо доьшу: «Чу эккхар ву».
- Кхуо хIуъу дан а тарло. Дика ду. И  дельтаплан  цхьанна   а  гур дац. Я цуьнца тIомавала Iовдал кхузахь хир а вац. Хьо кечло. Оха посте кхаччалц дIавуьгур ву хьо.
Со-м кийча вара. Селхана сайн говраш нахана дIасаекънера ас. Накхаршка хьажа аьлла тIедиллира. Кхин сан бахам а бац, лаппагIина догIа туьйхира ас. Эвлаюккъехь машен сацае аьлла, бIешерал тIехъяьллачу йоккхачу стеган Iодика ян чувахара со. Цуо бохура соьга: - Хьалхачул хийцаделла хIума дац. Шек ма вала хьо. Дала некъ дика хуьлийтуьйла хьан. ЙоI а, цуьнан доьзал а гуш, цигахь Iа а даьккхина юхавогIур ву, Дала мукълахь. Кхузахь хийцамаш хиларе сатуьйсу вай. Дийна йисахь, суна а гур ву хьо. Самагатде, мичча хьо кхачахь а хьуо нохчо хиларх дозалла деш лиела. ТIаккха лаьмнаша хьо тIеэцна къобалвийр ву!
Со блокпосте дIа а вигна боху соьга:
- Кхи  хIокху  блокпостал лакхахьа  хьалавала бакъо  яц  хьан.
- И бохург хIун ду? – куьйгаш дIасадохуьйту ас.
- ТIома  а  ваьлла, низам талхийна  ахь. Оха  хьох  къинхетам  бина.   Баркалла  ала  ахь.
ГIала йоьду машен а сацийна суо цу чу хаорна баркалла элира ас. Машен чу а хьаьжна сан йозанаш доьшуш хиллачо боху:
- Ваша, къинтIера валалахь. Кестта харжамаш хир бу. Вайн къонаниг Президент хоржур волуш ву. ТIаккха хуур ду. ХIинца бехк ма билла, - неI тIетуьйхира  цуо.
МаьркIажехь Соьлжа-ГIала кхечира со. Iуьйранна Москва доьдучу кеманна билет ийцира ас. Со дIавогIуш ву аьлла Шовдига хаам а бина лазийнарг волчу больнице вахара со. Больница йолчохь гулбелла цуьнан гергара нах а, накъостий а бара. Иза реанимаци чохь ву. Цуьнгара хьал ледара а ду. Вортанах кхеттачу гериго цхьа синпха*  хадийначух тера ду. Иза кхетамчу вогIуш вац. Бевзаш болчу нахех буьйса а яьккхина, Iуьйранна аэропорте вахара со.
Регистрацех чекх а ваьлла Iачу хенахь, юха зал чу кхайкхира соьга. Цигахь цIийъелла, йоьхна  лазийнчуьн йиша яра.
- И ца аьлча йиш яцара. Ваша кхетамчу веъна. Хьо ган лууш ву чIогIа. Хьо дIагIуо. Шовда сагатдеш ю. Цуьнга маршалла ло… Лоьраша хIинца гIоли хир ю боху.
Цуо ма вуола бохура. Кхин ойла ца еш, больнице хьаьдира со. Лоьро  шина минотана реанимаци чу вахийтира со. ТIехула кисеш хьарчийна, вевзар воцуш ву меттигера милцо. Цунна со вевзира. Шен могуш долчу аьрру куьйгаца сан куьг схьалецира. Ас сайн блокнот а, ручка а дIаелира цуьнга. Аьрру куьйга халла яздо цуо: «Хьулам. Герз»
«Муьлха хьулам?» - сихха яздо ас.
«Хьайниг»
«Сан кIанта гайтира?»
«Ас хьо тергалвира».
Со инзарваьлла. Кехат вукху агIора  а дерзийна: «Хьайна лаахь – дIагIо. ТIомаваьлча  гIолехь-м  ду. Лаьмнаш  ма ду хьоьга кхойкхуш, Стигал!»
Цуьнга кхин ца язлора. Ручка охьаюьйжира. БIаьргаш хьабделира. Соьга аравала элира лоьраша.
Сан некъ хIинца хийцабелла. Со-м юьртахоша а хьала вуьгур вара. Уьш юкъаозо а ца лаьара. Цхьанне айса лелориг хаийта лууш вац со. Такси лаьцча, блокпостах кхоьру со.
ЦIаьххьана дагатесира суна. Больници хьалха лаьттачу тхешан юьртарчу цхьана трактористера телефон ехна, цуьнга ладоьгIуш цхьа а хилахь тамаш бара, полковнике смс-ка язйира ас: «Со Стигал ву. Леррина кхечу номерца. Суна гIо далур дуй хьоьга?»
«Муха»
«Соьлжа-ГIалара юьрта хьала ван».
«Ахча дац хьоьгахь?»
«Ахча ду. Новкъахь блокпост ю-кх».
Жимма Iийна яздо полковника: «Кхийти. Мичахь ву хьо?»
«9-гIа горбольница»
«25 минотехь собар де».
Со ладоьгIуш Iаш вара. Юха полковникера смс-ка: «Ирзоне вогIур вуй хьо? Со кхузахь ву».
«ВогIур вац дера».
«Бакъ ца вогIу. Сингаттаме ду. Сонталла. Малари муьйлурш. Ахча. Со кхузара  дIавоьдуш  ву. Кхин  хIуммаъ оьший?
«Ца оьшу. Доккха баркалла хьуна!»
Цуо яздо: «Ирсе тIомаволийла хьо! Хьан тIомавийла кхойкхуш хаза цIе ю – Стигал – тIомавалар!»
Цуьнан номершца евзира суна дозанхойн «уазик». Iаьржа аьнгалеш хиларна машен чохь дерг гуш дацара. ТIехьара неI схьа а йиллина чухиира со. Хьалха Iаш и дозанхо вара. Соьга бистхилира уьш. Ас дуьхьала гIам-гIим дира. Чехка йоьдура и машен. Цхьана а блокпосте ца сацийра тхо. Кхаа сохьтехь некъ бича, тхан эвлаюккъехула тIехдевлира тхо. Сайн лаппагIа йолчу дIакхача цхьа ирхе йисча сацаяйтира  ас машен.
Йоккха гIовгIа йоллура лахачуьрчу ирзонехь. Йиш лоькху ша бохуш Iоьхуш цхьа шайтIа дара, дерриге Iин декош. Суна хиетарехь и полковник леррина цигара юьстах а ваьлла цхьана дукъ тIера со тергалвеш хила а мегара. Оцу лахахь волчу хьаькаман хьадалчашна  со ца гичхьана мегаш вара со.
Сайн лаппагIи чуьра доккха урс схьа а эцна сайн хьулам болчу вахара со. Сой, сан кIанттий хиллачул тIаьхьа кхин цхьаъ а кхузахь хиллачух тера ду. Бендоцуш лараш юьтуш кегийна хIара меттиг. ТIулган экъа дIахилийча сан иччархойн топ ю Iуьллуш. Сан герз! Биекхаман герз!
Айса кечйинчу кIелоне ваха гена дара. Малх чубуза герга бахана, цхьана ломан дукъал тIехь къайла бер бу. Сихо ян йиеза. Сан цIа чуьра дIатуоха гена делахь а, топ суна дика евзаш ю. корах арахьаьжча гойла дика а ца хилла, тхов кIеларчу чардакхе хьалавелира со. Цигара дерриге а гуш ду. Яххьаш ца къастахь а, майданахь дерг гуш ду.
Со гIелвелла виехьаш ву. СадиеIар меттадало диеза. Сатедан диеза. Жимма метта а веъна, тоьпан хьажоран гIирсаца айса лоьхуш йолу Iалашо лоцу ас. Вехна цхьана меттехь ца соцуш, воьлуш, мохь хьоькхуш хьийза иза. Наггахь хелха а волу. Цкъа рагIу кIелахь къайлавели, юха гучуволу.
Сан синтем бовш лаьтта, Iалашо генахь ю, малх чубуза гергахь бу. ТIаккха хIаваъ шелло, мох а болу. ТIаккха нийса туоха хала хуьлу. И дерриге а хууш ву со. Ларамаза лаг озорна а кхоьру. Озо диеза! Дукха сатийсина ас! Майданахь маьхьарий девлла. Ехха ека тIекхочуш йолчу машенан горгали. КIентан кIант хьалха а волуш цунна дуьхьал хьовду массо. Машен чуьра кхо йоI охьаюссу. Уьш массо а мара а къуьйлуш, беснеш тIе барташ боху цуо. Цуьнан елакъежна муцIар дика гуо суна.
- Массо а стоьл тIе! – мохь туху цуо. Ша баьрччехь Iаш ву иза. Карахь боккха бака бу. Цхьаммо и буьззина чу коньяк дутту. «Хеннеси» аьлла шишанна тIехь яздинарг а го суна. Бака а карахь ханеха  олуш ву иза. Цуо бохург ца хеза суна, я хаза а ца лаьа. Цуьнан коьрта тIе хьажийна ю сан тоьпан Iалашо. Цуьнан лергаюххера  пха  бетталуш а хаало суна.
Ца туохаели. ХIетахь санна…Тоьпан биргIа охьаяхийти ас. Ваша Гехона топ ца туохало соьга. Иза ву и. Цуьнан мажъяьлла васт. ХIара топ ас тоьхначул тIаьхьа со а вуьйр ву. Эхартахь ваша Гехон дуьхьалхIоьттича хIун эр ду ас. Биекхам бира. Хьан кIентан кIант боьха хIума хиллера. Ткъа иза боккъаллаъ боьха хIума ю.
 Сайн кIанте хIун эр ду ас? Юха а тIехьажайо ас топ. Ваша Гехон сурт ду. Къамел деш ву. Суна сайга ваша Гехо вистхуьлуш санна хиета:
- И кегийниш Iехийна, царах мостагIий бина. Хьо воккха, хьекъале стаг ма ву. Герз кара а эцна Iаш. Хьоьга и дайта дина дара и шадерриг? ТIетуоха!
Сан тоьпан биргIа юха а охьаяхара. Куьйгаш диегош ду. Хьацар тоьхна суна. Сан лергашкахь вота етташ санна гIовгIа ю. Коьрта цIий а хьаьвзина, кху чардакхехь  валар ду-техьа  суна  доьгIнарг?
Ваша гехон кIентан кIентан мохь хеза суна! Лаьмнаш декош дIабаха  йилбазмохь. Хьешаша а, хьадалчаша а тIаьхьара олуш маьхьарий туьйхи. Лаьмнаш ду сан докъазаллех къахеташ доьлхуш, я сох доьлуш: ДIадели сийлахь тайпа! Кхин нах бехар бу-техьа кхузахь?
- У-гIу! Бац! – гIам-гIим до ас. Хьалаэккха. Куьйгаш дегош ду, хьацар даьлла, гIелделла. Сайн дельтаплан дагадеара суна. Цунах  гIортор а йина, гуора а хIоьттина топ тIехьажийра ас. ХIинца лаг озор ду шеко йоцуш. Хьалхалера сурт го суна. Ваша Гехон сибат ду, цуьнца …. Хьаладолу буйнахь бака болу боьха куьг. И куьг ду сан мостагI. Оцу аьтту куьйган пIелгаца лаг ийзош вийна сан кIант. Леррина хьажош цуьнан куьйган а, юьхьана юккъе даьндарга шена хуур ду-кх мича кхиета йиеза.
Лаг дожийра ас.  Тоьпо юхатоьхна галваьккхира со. Тийналла хIоьттира. Лаьмнашкахула диекаш дIадахара тоьпан тата. Юха а Iалашоне хьожу со. Кху дийне сатийсинера ас! Шуьйра стол ю. Цу тIехь йолу хIума кегийна. Массо а воьжна, я дIасаведда. Майдана юккъехь ветталуш кIентан кIант ву. Цуьнан кераюкъ аьтта кхозуш ю. Ваша Гехон туьтмIаьжг охьа а йоьжна, цуьнан кхераелла, бакъйолу юьхь гуш ю. цунна кхин а тIетоха йиш яра сан. И виен виезаш вара. Воккхавеш дисна патармаш дассош шатлакх дан мегар дара. Ас сайн лаьмнаш ларди!
Амма кхин топ кхоссса ца лаьара суна. Кху лаьмнашкахь кхин цхьаммо тоьпаш кхуьйсийла ца лаьара суна. Чардакхера дIаластийна Iинчу кхоьссира ас топ. Цул тIаьхьа дельтаплан а лаьтта кхоьссира. Сайна полковника белла гIем дагабеара. Совнаха кира суна хIунда оьшу? Ойла а дахар санна маьрша хила йиеза. Киснахь ахча а ца оьшу, Iожалла маьхза ю!
Вада а ведда маьлхана дуьхьала кхоссавелира со. Мела а, ниIмате а болчу мохо айъина хьалаваьхьира со. Ирзона тIехволуш охьахьаьжча, дахаран маьIна,  тиекха а ца тиекхаш, тIомавалар дуйла хиира суна тIаьххьара  а. Со дIавоьдура!
Лакха, кхин а лакха вуьйлуш хиира суна вайн мохк а, Кавказ а, дерриге дуьне исбаьхьа хаза дуйла. ХIара сан стигал даима а екхна ю. Стигалан кIелахь массарна а меттиг шортта ю. Цу стигалахь суо дIасаваьржаш, шуна юха дагадаийта  лаьа  суна  сайн  хаттар:  - ХIунда?



ДештIаьхьенан метта
Сан доттагIчо цкъа элира соьга:
- Кху деношкахь цхьана зудчунна операци йира ас. Цуьнан кIант  ломарчу юьртахь милцо ву. Шаьш долчу лаьмнашка бIаьргтуоха  вуола  бохуш вара.
Цига дахара тхо. Лаьмнаш чIогIа хаза дара. Дехьара схьагучу ломан басахь гушйолу цIен-кIайн босболу кхаасонара хIума баьццарчу диттийн баххьаш тIехь къаьсташ яра.
- ХIа-а, - элира меттигерчу милцочо. – Оха цунах Стигалан байракх олу, нохчийн ширачу байракхах тера ю иза.
Шайн юьртахочуьн кхолламах лаьцна доцца дийцира цуо.
- И тIомаваьлла воьдучу хенахь, массо а тайпана герз тоьхнера цунна. Цигахь дельтаплан йоьхнера. Цуьнан тIам бу и цу басахь биснарг. ХIетахь а вара со кхузахь болх беш. И хуьлуш со гIалахь больницехь Iуьллуш вара, - шен вортан тIера муо гайтира цуо. – Стигала чов йина волчу хьаькамо цуьнан цIа дагаде аьллера. И дагадале хьалха юьртарчу цхьана кIанта цу чуьра цхьа жима чамда араяьккхина хиллера. Чамди чохь ши-кхо тетрадь йозанаш хиллера. Къамел далуш  вацара иза.
- Катетер ярий цуьнан? – хаьттира ас.
- Яра, - цецвелира милцо. – Хьуна вевзара и?
Вевзаш хилла-кх. Масех шо хьалха сан шичина онкологи ю аьлла диагноз хIоттийнера. Сой, изий Москварчу Каширкехь онкоцентре вахча, цигахь вайн махкахо кхийтира тхох. Иза цига дуьххьара веъна а вацара. Кхечу лазархойх тера а вацара. Ханъяьлла воккха стаг, лекхачу дегIахь, шуьйра белшаш а йолуш, цIен беснеш а, лилула сийна бIаьршаш а долуш вара.
Къамел ца далуш, къорачу наха санна куьйга эшарехь тхоьга бохура цуо:  кхузахь дарба диело мегар дац, хаспанчаш бу хIорш. Кхин больница лаха, гIолехь а, йораха а хир ю шуна. Шен кучан нодарчий а яьстина, накха гайтира цуо. Суна чIогIа вуонхилира. Сой, сан накъост чехка ведира цигара. Лифт йолчохь юха и лазархо гучувелира.
«Хьо яздархо вуй?» - шен блокнот тIе яздира цуо.
- ХIаъ, - жоп делира ас.
Шен пхьаьрса кIелара схьаэцна соьга жима пакет кховдийра цуо. И сан буйна а йоьллина яздира: « Сан йозанаш ду, хьуна иэша мега хIорш». Лифт дIакъовлаелира. И стаг суна кхин гина вацара, я цуьнан цIе муха ю а ца хаьара.
Онкоцентрера араваьлча и пакет  нехаш чу кхуьссучу урни чу кхосса лууш вара со, цунах сайна цхьа ун даларна кхоьруш. Юха а хьанна хаьа корах ара хьоьжуш, со тергалвеш хила а мега и, аьлла,  ткъа со яздархо хилча муьлхха а йозанаш лоруш хила виеза. И пакет сан Москварчу квартирехь, кхин схьа а ца йостуш, мелхо а тIехула кхин скотч а хьарчийна, тумбочкин лахарчу гIутакх чу  дIайиллира ас. Цул тIаьхьа  и йицъеллера суна.
Массо а хIуманан шен рагI ю-кх. Дахарехь ларамаза хуьлуш хIумма а дац. Мухха делахь а, Стигалан дерриге а бохург санна йозанаш сан карахь дара. И лаа дацара.
… Со Австрехь Шовда йолчохь а хилира. Башха дика зуда ю. Сцени тIе кестта юха ца ерза мега иза. Музыкел а коьртаниг адамаш ду. Цуьнан диъ бер а ду. ПхоьалгIаниг тIедогIуш а ду. Цуьнан сатийсам бу – шайн дайх бисначу махках бIов йотта, чохь Iен дика цIа дайта а. Ша къанъелча цигахь йисна хан яккха лууш а ю иза. Музыка а ца йицйо. Тхуна а лекхира. ХIинца шен берашка Европехь дешийта лууш ю. Кавказ – Даймохк бу! Нохчий мотт – ненан мотт бу!
- Бакъдерг дийцича, - элира цуо. – ХIора иэшам мосузза хуьлу а хала дара суна. Цхьаъ. Суо цхьаъ йиснера со. ХIинца Дела къинхетамца сан бераш ду… Гергарчарах дозалла а до ас.
Цуьнан хIусамехь дукха суьрташ ду. Стигал а, нана а, вежарий – жимахверг ша лаьтташ ву. ГIийлачу озаца боху цуо: - Халахиета. Амма со сайн да санна хиндолчуьнца ехаш ю. Цунах йоккха а еш, ирс а хиеташ.
Стигалан йозанашкахь хьахийначу нахах дукхах берш гира суна. Цуо цхьаболчийн цIераш ца язйинера, и цуьнан лаам ас а ларбира. Сан ган аьтто ца хилларг цхьаъ вара – ваша Гехон кIентан кIант. 2006-чу шарахь харжамаш хиллачул тIаьхьа иза ведда Москва вахана хиллера. Цигахь и  виен а вийнера.
Ас мелла а хийцамаш бина кху йозанашна тIехь. И дан сан бакъо ца хиллехь а, хIорш цхьана хорше дерзош, нисдан диезаш дара. Йозанийн хатI лардеш бина ас и болх. Цуьнца цхьаьна цхьайолу меттигаш,  политикех хьакхалуш долу аларш юккъера дIадаьхна. Со редактор вац. Цундела йозанаш хийцаделла хила а мега, иэшам хилла хила а тарло. Амма коьрта маьIна лардан хьаьжна со.
Цхьаболчара  хIара книга йоьшург а хир яц. ХIара дика хиеташ берш а хир бу. Кхечара хIара тергал а ца еш йита а мега. Амма со кхолламна реза ву. ХIокху йозанаша билггал долчу масалин тIехь кхиетийна со сийлахьчу Гётен дешнех:
ХIора дийнахь дахар, маршо къуьйсуш
Верг бен царна хьакъхила йиш яц!
Уьдучул а, гуора вужучул а гIолехь ду, маьрша Iин чу а кхоссавелла, тIаьххьара тIома а ваьлла, Стигал санна стигала хьалавахар!
И бу-кх кхоллам а, дахаран маьIна а…

НР Яздархойн союз
Соьлжа-ГIала, 20I4 шо.

Гочдархочуьн билгалдахарш


 автозак – тутмакхаш дIасалелон машен.
алцIензIам – зезаган тайпа (тюльпан)
бIатIаьхьа – заочный, заочно
бIостаналла – противоположность
биллам –  барт (условие , договоренность)
  вагонзак – тутмакхаш дIасалелош йолу вагон
  г1аплолла – крепостничество
 даьлел – доказательство, аргумент.
 даьлелдан – тешийта, хаийта, гайта (оьрс. – доказать)
делкъе – делкъана буу кхача (обед)
 зуьриет – Нохьа пайхамарал  тIаьхьа  дисна долу дерриге а дуьненчуьра адамаш
лазартне – эскархойн  больница (лазарет)
 мIов – гудок
 мадаралла – скромность
марта – Iуьйранна  буу  кхача (завтрак)
синпха – нерв 
 соцангIа  - пауза.
таьхьса – коьрта тIехь чо боцуш, баьшна корта,  тIаьрсиг, кIунзал
 тел – аьчкан сара
Тийначу Iапказерчу флотан – Тихоокеански флот
уьралла – ирйина хIума, урс, ю ишт дI.кх. а
хIордакхалла – эвхьазалла (пошлость)
хьажгар - кхузахь   юьйцушъерг видеозапись ю
 хьаяр – разведчик, шпион
хьовра – аромат, запах
хьорзалха екхоо – щитоидная железа
 хьукумат – учреждение
чIинт – водопроводан кран
чалтар – решетка
шелиг – холодильник
 Шипсаре – Швейцария