С. Т. Аксаков. Ал- ц1ен зезаг Гочдар

Литературный Клуб Даймохк
Ал-ц1ен зезалг С. Аксаков
Петимат Абубакарова


  Ал-ц1ен зезалг С. Аксаков
Петимат Абубакарова


   «  Ал- ц1ен зезаг» С.Т. Аксаков. -1-
   
    Цхьаьна пачхьалкхехь ц1е йоккхуш вехаш-1аш цхьа совдегар вара.
    Шортта рицкъ-х1ордалъарахьара  мехаллаш,жовх1арш,деза т1улгаш, деши, дети дара цуьнан хазнехь,амма цу дерригенах лур
 йоцуш,леррина  а, хьоме а лелош кхо йо1 яра совдегаран,т1ера нана д1аяьлла кхиош.Дена къаьсттина дукхаезара жимахъерг,иза ша а яра вукхарел  дика а,къинхетаме .
      Цкъа,х1орданал а,исс ломал а дехьа ша меха ваха новкъавала кечлуш,шен мехкаршка схьа а кхайкхина,дас элира:               
      -Сан хьоме,эсала мехкарий,со х1инца совдегараллин хьашташна генна новкъа ца ваьлча ца волу. Меллалц 1ен дезар ду    ца   хаьа,
цундела доьху шуьга мерза а,бертахь а хан яккхар,ткъа ас дош ло аш ц1е тоьхна совг1ат дан х1оранна а.Кхо буьйса хан ю шуна ойла ян, совг1ат хоржуш.
   Кхо дей-буьйсий д1адаьлча, дена хьалха х1оьттира кхо йо1.Йок-кхаха йолчо элира,дена суждане а йоьдуш:    

     -Сан хьоме Да-Эла! Суна эшац дешин-детин дездареш,я  1аьржа-чу салоран месаш а, я жовх1арш а:амма ч1ог1а сатуьйсу ас коьрта туьллучу ,зубаржаташа кхелинчу,беттан-маьлхан нур  лепачу дашочу таже.
    Жима ойла йина,жоп делира совдегаро:
   -Дика ду, хьоменаг,яхьар ю ас хьуна ахь йуьйцу таж.Х1орданал де-хьа вехаш накъост ву суна вевзаш,цуо дийриг хир ду и г1уллакх.Цу аг1ор ехачу паччахьан ц1ененан ю олуш хезна и.Бакъду,лекхачу т1улгийн лома т1ехь,кхо сажа к1оргенехь кхаа мемцойн дог1анашца  къевлинчу кхаа эчиган не1аршна дехьа ю боху и.Аттачех г1уллакх-м дера дац иза,делахь а ахчаной-бохчаной дойтур долуш ду-кх.
    Т1аккха дена когашкахьа охьа а таь1аш,йистхилира шоллаг1а йо1.   
   -Сан хьоме Дада-Эла,суна а ца оьшу дездареш,я салоран чоэш а,я жовх1арш а,я зубаржаташца кхелина таж а.Цулле а ахь суна далахь
малхбузерчу ц1енчу балуран куьзга,шена чухьажча цкъа а къанлун
воцу,хазалла са а яьн йолу,дуьненан ни1маташка хьежалун волу.
     Дика ойла йинчул т1аьхьа , жоп делира цунна а дас:
   -Са ма гатде,хьоменаг,дахьар ду ас хьуна балуран куьзга.Г1ажарийн
паччахь-йоь1ан ду олуш хезна ишттаниг,иза а дера ду боху гена лач-
къийна.Кхо эзар сажа лекхчу  лома т1ехь цхьа т1улгийн г1ап ю,кхаа
эзар ламин киртигех хьала ваха деза цу т1е кхача,ткъа х1ора ламин т1ег1и  т1ехь лаьтташ г1ажарийн т1емало ву,ирчу болатчу туьрца и г1ап ларъеш.Ворх1 эчиган не1арш ю  ворх1 мемцойн ч1ог1ачу дог1а-
нашца ч1аьг1на,ткъа дог1анаш паччахь-йоь1ан г1одах ду, боху.Халуо    г1уллакх дера ду иза,делахь а тароно дойтур долуш ду.  Т1аьххьара,дена суждане а йоьдуш,йистхилира жимахъерг а:
  -Сан Да-эла,сан диканиг,суна ма далахь дешин-детин деза мах- -2-
марш,я жовх1арш,я дашо таж а,я балуран куьзга а,цулле а далахь
кху дуьненахь шел хазаниг
 кхин хин доцу ал-ц1ен зезалг.
    Хьалхачул а г1айг1ане вуьйжира совдегар.Юха шен дукхаеза йо1
хьаста  а хьаьстина,цуо элира:
  -Эх1,ма хала декхар ду-кх ахь сунна т1едуьллург,хуург лаха-м ха-
 ла ма дацара я ал-ц1ен зезаг каро а,амма муха хуур ду те ,цул хаза дуьненахь кхин доцийла?
  Хьожур ву со и дан ,ца карадахь суна бехк ма  биллалахь.
   Экама мехкарий шайн чу д1аса а хьовсийна,кечам бан х1оьттира да.
Цулт1аьхьа  ,дукха хьен ца луш,новкъавелира иза.
   Дуьйцу а ца хезна мехкаш-аренаш теллира хьоладас,йохк-эцар ле-лош,деших-детих доьттина хикеманаш ялхошца ц1ехьа хьийсош.Йок-
кхачунна совг1ат-дашо таж а эцнера кхуо,шоллаг1чунна балуран куьзга а нисделлера,амма ца карийнера дена  дуьненахь шел хазаниг
кхин доцу зезалг.Ал-ц1ен зезалгаш-м шортта дара,делахь царел хаза кхин дац аьлла тоьшалла ца дора цхьаммо а.
   Цкъа,г1амаре аренашкахула х1ара лелаш,кхунна т1елетира талор-
хойн тоба.Хазнех йоьттина ковранаш ялхошца тесна а юьтуш,хьуь
на чу тиллира совдегар.Мостаг1ийн йийсархо хилла вехачул акхаош-ка цестийтар г1оле хетара цунна.
   Х1ара д1аоьхура луьстачу хьуьнхула,т1аьхь-т1аьхьа шорлучу не-къехула.Кондарш шашех д1асахуьлура кхунна хьалхара.Т1ехьа,куьг чекхдер доцуш, юькъа хьун яра,аьтто-аьрро аг1ор воьдийла а дацара:
хьалхабоьдург бен кхин некъ бацара. Сарралц д1аихира х1ара хезаш
акхаройн г1ар йоцчу,олхазарийн шабарш доцчу хьуьнхула.Б1аьрг п1елг 1оьттича а хуур доцу 1аьржа буьйса т1ееара,амма когашна хьалха нур догура.Буьйса юккъе яхара х1ара цу нуьрехула хьалхахьа
д1аоьхуш,стигал ц1ийлуш санна хийтира кхунна.»Там бара со 1ожал-
лин бага воьдуш хила»-аьлла дагатесира кхунна.Юхаверза вуьйлира,
г1уллакх ца хилира,массо а аг1ор юькъа хьун яра.Нур-серло т1ехда-
лийта сецира ша волччехь,амма  иза кхин а сиха герга дан дуьйлира.
Лахь-висахь,Дала яздинчух вер вац-кх,аьлла ,хьалхахьа д1аволаве-
лира иза.Воьдуш,д1акхечира шуьйрачу аренга.Исбаьхьа-тамашийна-
чу нуьре   з1аьнаршлахь, малх санна къегаш лаьтташ паччахь ц1а-г1а-
ла яра.Диллинчу корашкахула схьахезара тайна хаза мукъам.Марма-ран т1улгийн уьйт1а велира и.1аламат синъайаме дара кхузахь:го-баьккхина  д1асакхуьйсура хин т1айреш.Ц1ен исхарш тесначу   ламешхула хьала а ваьлла,чоьнаш талла велира  совдегар.Уьш иттех
яра,ч1ог1а тамехь кечйина а яра,мармаран,дешин,детин пенаш дол -3-
   Сила болчу бахаман схьагучу волуш цхьа а да а ,ур-атталла ялхо а
ца хиларх ч1ог1а цецваьллера  хьаша.»Шадерг а дика ма дара кхузахь
яах1ума елахьара»,-аьлла дагадогг1ушшехь мичара ели а ца хууш стол д1ах1оьттира, дашон-датон пхьег1ашкахь дукха мерза даар-ма-
лар долуш.Х1ара вуьзна ваьлча,д1а ма-х1оттара  тапъаьлла юха д1а-яйра стол.
   Кхин цкъа хазнех б1аьрг а тухуш,чухула волавелира совдегар.»Да-виса  жима д1атовжа йиш хилча ма дика хир дара»-аьлла,дагадеара
цунна.Оцу минотана д1ах1оьттира балуран когашца болу,г1ург1е-
зийн месийн мотт т1ехь 1уьллу дашо маьнга.Цу т1ехь д1авижира сов-
дегар,г1енах мехкарий ган са а тосуш.
   Малх г1ушлакхе баьлча,самавелира иза.Карладелира г1енах шен
кхо йо1 гар:йоккхаха йолу шиъ самукъне гира,да ц1а верззалц ца 1аш,безачу к1енташка маре баха кечлуш ;ткъа жимахъерг-маре хьахийча а ца мегаш,шена ч1ог1а сагатдеш яйра.Синтем байра совдегаран,хазахетар халахетарца хийца а луш.Хьалаг1еттина юьхь-
куьг диллина,кийчча лаьтта кофи мелла,чухула волавелира иза.Сел-ханчул а ни1мате гора бахамаш маьлхан серлонехь.Диллинчу кореху-
ла гора башхаза бошмаш,тайп-тайпана зезалгаш.Бешахула волавели-
ра х1ара.Дитташ охкийна лаьттара  ношбелла стоьмаш,бай къарзийна
лепара исбаьхьа зезагаш,зевнечу эшаршца декара бос хаза олхазарш,
бухдуьйлуш кхийссалора шовданийн-апарийн цинцаш.Ц1еххьана
кхуьна б1аьрг кхийтира гу т1ехь нуьрех лепачу,шел хаза дуьненахь
х1ума хир доцчу ал-ц1ен зезалгах.Жимахйолчунна совг1ат карийна
цхьа ч1ог1а са мукъа а даьлла,зезалг схьадаьккхира цуо.Стигал а
эт1ош,латта а дегош,ткъес  туьйхира.Я акхарочух тера а доцуш,я –адамах а,цхьа морса,ча санна даьлла ирча 1аламат х1оьттира кхунна
хьалха д1а,г1ерг1ачу озаца дист а хуьлуш:
    -Хьуна хьан бакъо еллера кху сан бешара сунна угаре а хьоме долу.
зезалг даккха?Ас-м веза хьаша вина т1еэцнера хьо сайн г1алахь,ткъа
ахь х1ун баркалла эли суна?Хьо верал хьалха х1ума дийр дац ас
х1инца!
   И хезча  ч1ог1а кхеравелира совдегар,г1алартийн кхерамечу сарта-ша гобинчу цуо,1аламатна хьалха гуора а х1уттуш, дийхира:
   -Х1ай хьуьнан экха,х1ордан 1аламат,ма х1аллаквахьара ахь со,ас
дуьйцур ду хьуна айса лелорг.Кхо йо1 яра сан ц1ахь,экама кхиош,мехара ц1а вог1уш, совг1аташ дахьар ду аьллера ас царна:йок-кхачунна-зубаржатийн таж,юккъерчунна-балуран куьзга,жимчунна-
шел хазаниг кхин доцу ал-ц1ен зезалг а.Йоккхахйолчу шинне совг1ат  эцнера ас,ткъа жимахйолчуо дийцина зезалг хьан бешахь дайча, -4-
дукха сакъераделла даьккхинера ас.Къинт1ера а далий,д1адахьийтахьара ахь соьга и зезалг,ахь ц1е тоьхна мах лур    .
бара ас хьуна
   Стигал а къекъош, вахь-вахь-вахь аьлла дела а луш,дуьхьал дистхи-
лира х1ордан 1аламат:
   -Ас х1ун до хьан деших-детих сайнарг а дахьа меттиг боцуш 1аш долчу.Цулле а хьайна ваха лаахь,сан декхар кхочушдан дезар ду хьан.
 Зезалгаца дийна д1авохуьйтур ву,ткъа ахь кхаа йо1ах муьлхха а цхьаъ шен лаамца соьца 1ен-яха схьаяийта езар ю.Йиллий-эций мет-
тиг ца карош,еза лелор ю ас иза,доттаг1алла а тесна.
   Довха б1аьрхиш ледош,г1айг1ане  лаьтта вуьйжира совдегар:хала
дара цунна ирчачу 1аламатца 1ен-яхан йо1 яийта.Велхаран къурдаш-
ца цуо элира:
  -Х1ай сийдолу эла,хьуьнан экха,х1ордан 1аламат!Ницкъ кхочурий
те сан царех цхьаъ хьо долчу яийта,реза хирий те,я реза хилча а,экха-
но а ког ловзазчу кхуза схьаян хуурий те цунна?Сан-м шина шарахь
некъ бан дийзи кхуза кхачале.
     Т1аккха дистхилира хьуьнан экха,х1ордан 1аламат:
   -Лаамаза йог1уерг суна ца оьшу,хьайна муьт1ахьъерг яийта ахь.
Ткъа вахар-варан ойла ма е. Х1ан,х1ара сан дашо мух1ар ду хьуна,
аьтто куьйган ц1аза п1елгах ма-диллини,оцу м1аь1аргонна,кхача
луъчехь хир ву хьо.Ц1ахь яккха хан-кхо дей-буьйсий ло хьуна.
      Шен берех б1аьрг а тоьхна,юхавог1ур ву-кх ша царех цхьаьа реза ца хилахь,-аьлла ойла а йина,шех тешарца закъалтана х1ума а ца йок-
кхуш щега дела мух1ар п1елгах д1адоьллира кхуо.Оцу минотана шайн ц1ахь,уьйт1ахь хилира иза ,ткъа дехьа кевнех чоьхьаелира хаз-
нех йоьттина эмкалан ковра ялхошца.Йоккха г1ар г1аьттира кертахь:
дена хьесталуш гонах хьийзара мехкарий,къаьсттина йоккхаха йолу шиъ.Жимхайолчунна туосаделлера да сингаттаме хилар.Йоккхаха    йолу шиъ кхунна зен-м ца хилла те бохуш, сиготта яра.
     Шадерг дитина,болатца къевлина т1оскарш схьадаийтира дас.Йок-кхахайолчунна д1аелира 1аьрбийн деших йина  зубаржаташца кхели-
таж; шоллаг1чунна д1аделира балуран куьзга,жимахйолчуьнга д1а-кховдийра дашочу к1удалахь лепа ал-ц1ен зезалг.Йоккха шиъ шайн совг1аташца къайлаелира.Жимахъерг,1адийча санна,хорша а еъна,ел-ха х1оьттира,зезаге а хьоьжуш.
    -Сан к1орни,схьа х1унда ца оьцу ахь шел хазаниг кхин доцу зезаг?-аьлла да  хьаставелча ,цуьнан куьйгех барташ а дохуш,елха а йоьлхуш, зезаг схьаийцира  йо1а.
    Цулт1аьхьа, шаверг гул а велла ,дууш-молуш,д1асаолуш а, -5-  1оьккъаллц той д1адаьхьира кхара.
     1уьйранна йоккхаха йолчу йо1е чу а кхайкхина,шеца арахь хилларг ма-дарра д1а а дийцина,1ожаллех ша хьалха а воккхуш,хьуь-нан экханца 1ен-яха яха реза юй,аьлла хаьттира дас.
    Реза йоцуш жоп делира йо1а цунна:
   -Хьо зезалг дан новкъа ваьккхинарг яхийта ахь. Юккъерчуьнга эли-ра  дас изза,йо1 реза ца хилира.
   Жимахъерг схьакхайкхира совдегаро.Да     къамел дина валаза вара,йо1а гора а х1оьттина,дега дехардеш:
-Сан хьоме Дада,къобалде сан яхар,сан дуьхьа деъна ахь зезалг,со
декхарийлахь ю хьуна хьалха.
      Велхаран къурдашца йо1 мара а къуьйлуш,вистхилира да:
   -Дала 1алашйойла хьо ,сан хьомениг,Дела реза хуьлда хьуна,со 1о-жаллех хьалха ваккхарна.1ер-яхар-м хазчу туьйранахь санна хир дара
хьан,цхьана а х1умнах ца хьегаш,делахь а ирчачу экханца яха дезар ду-кх. Муха 1елур ву-м ца хаьа хьан аз а ца хезаш,я хьан амат а ца гуш .Дийнна йоллушшехь лаьттах  юллуш ю-кх ас хьо.
      Т1аккха  йо1а элира  дега:
   -Суна са ма гатде,сан да,экханах со кхералур яц хьуна,муьт1ахь а хир ю цунна.Цо-м цхьа къинхетам бан а мегий.
      Доккха белхар х1оьттира кхеран кертахь,даггара воьлхура холча-х1оьттина да,йижарша а х1иттайора цхьа кеп,амма жимахйолчо ч1икъ ца боккхура,Ур-атталла г1айг1ане а ца гайтира цуо ша.
       Кхо Дей-буьйсий  даьллачул т1аьхьа,дегара мух1ар шен ц1аза п1елгах д1адоьллира йо1а,оцу маь1аргонна шен салпалца къайлаели-ра иза.
      Х1ара самаелира исбаьхьчу г1алахь г1ург1езийн месийн меттахь.Г1ийла хезаш цхьанаэшшарара мукъам бара.
      Хьала а г1еттина,чухула б1аьрг тухуш,йолаелира йо1.Тамашийна хаза къагийна яра х1ора чоь,деши-дети,жовх1арш ца кхоош.Дашочу к1удалахь лаьтта зезалг кара а лаьцна,бешахула йолаелира иза.Ц1ен-на ялсамане яра гонаха:олхазарийн зевне эшарш,зезагийн,кондарийн мерза архь,д1асакхийссало шовданан апареш.Лиелаш,кхунна схьака-рийра зезалг кхиъна лекха гу.Ша хьалха хиллаче д1адуьйхира йо1а иза.Ерриге а аре серлаяьккхина д1ах1оьттира ал-ц1ен зезалг.
   Йоккхаеш чуяхча,даарх-маларх сеттина лаьтташ стол яйча,кхунна дагадеара:»Суна  реза долчух тера ду  хьуьнан экха,х1ордан 1аламат,дика Элла хир и сан» Оцу ойланна дуьал мармаран пена т1ехь ц1еран элпашца язделира:»Дага а ма далахь со хьайн Эла ду ала
хьан лай хир со,схьаала муьлха хьайн лаам соьга ,сан Эла,ас кхочушбийр бу  иза»
 
    Х1ара дешна йоллушшехь,тапъаьлла д1адайра йоза.            -6-
Ц1а кехат ма яздийр дара ша аьлла ,дагадеара кхунна:стоьла т1ехь
шекъий,яздаг1ий карийра.Т1аккха йо1а яздира шен паччахь йоь1ан
санна долчу дахарх а,гуш воцчу ,амма къинхетаме волчу эланах а
лаьцна дуьйцуш ц1ерачаьрга.Мух1ар т1ета1орца къайладелира буйнара кехат.Г1ийлачу мукъаман эшарехь ,дуьххьара ша цхьалха
охьа а хиъна х1ума а йиина,цулт1аьхьа д1айижира совдегаран йо1.
Мукъам а лахлуш-лахлуш,д1атийра кхунна новкъарло ца Ян..Сама-яьлча,юха а бешахула лийлира х1ара.Ношбевлла стоьмаш:кхораш,шапталш,1ежаш-хьалате1а ца езаш,шаьш бете оьху-ра кхунна.Чуяхча-юха а мерза стол,тайп-тайпанчу даарх юьззина.
Пхьормартне йинчул т1аьхьа,мармаран чуяхара.Пена т1ехь гучуде-лира йоза:»Реза юй хьо суна,сан эла,муха хетта хьуна хьайн дахар?»
Йоккхаерца дуьхьал элира цуо:»Эла  ма алахьара ахь сох,сан дика накъост,реза ма яра со кху дахарна,делахь суо цхьалха йижа а ,г1атта
а дегаза хетта-кх.
         Пена т1ехь д1аязделира:
    _Ма кхера,сан Маша Эла,х1инца дуьйна кхин кхоьрур яц хьо.Тхов-са дуьйна хьоьца хьан ц1еран йо1-ялхо хир ю,хьан са ца гатдалийта   
 Цул сов,хьо ларъеш хьуна ца гарх ,кху чохь соьца дукха нах бу,хьуна
т1е чамхалг а дужийтар доцуш.
       Йижа чуяхча,боккъал а,бухахь хьоьжуш 1аш шен ц1еран йо1-лай
карийра кхунна.Т1екхетта барташ дехира цуо шен элан куьйгашна а,когашна а.Сахиллалц  луьш-олуш 1ийра х1ара шиъ.
       Денна духарца хийцалуш,туьйране салазашкахь полла санна хех-
калуш,самукъне ехаш яра совдегаран йо1.Ткъа наггахь чилхьесан тешца тоьгана деш сакъералора  цуьнан.Хаза кечдой совг1аташ до-
хьуьйтура дена.Шен комаьршачу элана а тегнера цуо жовх1аршца
кечдина доьхка.Сих-сиха йоьдура элан къамел деша мармаран чу а.
       Туьйране дахарх д1айоьлла йо1 1аш,дика хан-зама д1атиллира.
Кхунна везавелира гуш а,хезаш а воцу шен эла.Цунна ша ч1ог1а ези-йла хаьара  йо1ана.Ч1ог1а лиира кхунна цуьнан аз мукъне а хаза.Ви-стхилахьара хьо бохуш,дехаршка елира иза.1аламат ларлора иза шен
озах кхераяларна,дехха  дуьхьало йира цуо,амма т1аьххьаре а яздира:
    -Бешахь хьайн даго къастийначу метте а йолий,тахана ахь ала:»Вистхилахь ,сан тешаме лай»
   Йиллинчу метте а яхна мохь туьйхира йо1а:
   -Сан дика Эла, вистхилахь соьга,ас дош ло .йоха ца йоха.
     Цхьаммо доккха са доккхуш санна хийтира кхунна.Т1аккха цхьа
г1ерг1а ,акха,йишхаьлла аз хезира.Жимма кхераелира х1ара юьхьан- ца,амма ша сихха меттаялийра,дуккха а ладийг1ира са парг1ат даллалц.Х1етахь дуьйна миччахь а хиларх къамел дора цара:
  -Кхузахь вуй хьо,сан дика Эла?                -7-
   -Кхузахь ву хьан лай.
   Йо1 ца кхоьрура цу озах,ца к1ордош ла а доьг1ура.
    Цулт1аьхьа а дика хан елира,туьйранахь ма-яллара.Х1инца шен доттаг1 ган лира йо1ана.Реза ца хуьлура 1аламат ша гайта.Боккъал а чамбоцуш,1адаме а Целую,дара и,акхарой а къехкар йолуш,цунна олура
цуо йо1е:»Ма алахь соьга гучувала,со гича эккхор ву ахь,ткъа и соьга лалур дац»
   Йо1а тешийра иза шена къахьлург ца хиларх,нагахь къена велахь
да хир хьох шена а олуш.
   Эххар а резахила дийзира цуьнан:
   -Дика ду,малх дукъал лахбелча,беша а йолий ала:»Гучувала,сан те-шаме доттаг1» Со лийр велахь а ас гойтур ву со.Ткъа хьуо кхин д1а 1елур яцахь,хьайн г1айби к1елара мух1ар п1елгах дилличхьана,цуо шайн дец1а кхачор ю хьо»
      Суьйре т1ееъча,кхераяла дагахь а йоцуш,беша яхара совдегаран
йо1.»Гучувала,сан тешаме доттаг1,-элира цуо малх лахбелча.Кондар-шлахь цхьа ирча  экха а гина,мохь а тоьхна,кхетамчуьра а йолуш юьйжира и. Дийцина ца валлал ирча кхераме дара хьуьнан экха,х1ордан 1аламат:м1арашца-к1омсаршца ситтина куьйгаш,говран
когаш,эмкалан баккъаш,ча санна даьлла морса дег1,бух1анан ши б1аьрг,хьакхин к1омсарш,г1ирг1анан санна хьаьвзина маара.
      Кхенуо меттаеъча йо1ана делхаран къурдаш хезира:»Ма хьашт доцуш дакъаза ваьккхи ахь со,велла велара со «.Йо1ана ч1ог1а къа-хийтира цунах,эхь а хийтира.
     -Со хьох кхера а лур яц,къаьстар а яц,гучувала цкъа а,-элира цуо.
     Шен ирчачу хот1ца кхин цкъа а гучуделира хьуьнан экха,амма
герга ца хуьлура и кхунна.Сарралц доладелла лийлира и шиъ,луьйш-
олуш а.Шоллаг1чу дийнахь 1аламат серлонехь гича,кхераелира йо1
юха а,хаьа-м ца хаийтира ша йоьхний.Туьйране салазашкахь хехка-луш,дууш-молуш,самукъне д1аделира церан и де.
    Иштта бертахь а,хаза а х1орш бехаш болуш,туьйранахь ма-яллара
сиха хан елира.Г1енах могуш воцуш шен да а гина,г1айг1ане юьйжи-ра йо1.Г1ан а дийцина,ша дец1а яхийтар дийхира цо хьуьнан экхане.
     -Соьга стенна хоьтту ахь,-элира экхано,-сан мух1ар хьо йолчу чохь
ду,и  аьтто ц1аза п1елгах диллича,хьо ц1ахь хир ю,цхьабакъду,кхо
дей-буьйсий д1адаьлча хьо юха ца яхахь,со лийр вуйла хаьалахь»
      Йиллинчу хенахь юха Ян шен элана дош делла,мух1ар д1адоьлли-ра йо1а,оцу маь1аргонна шайн уьйт1ахь-ц1ахь хилира х1ара.Хазахе-таран г1овг1а иккхира кхеран кертахь.Массо а цецвуьйлуш,мара-
къуьйлуш гонах хьаьвзира йо1ана.Юха да волчу чуйигира.Х1ара гина
хазхетта меттара г1еттира к1елвисна  1уьллу да.Воккхавера и пач-  -8
чахь   санна кечъеллачу йо1ах.Дукха цхьаьна 1ийра уьш кхуо шен
дахарх лаьцна дуьйцуш.Да реза вара цуьнан доьналлина.Йижарий меллаъ хьог1е хьоьжура жимахйолчу йишига.
     Муха доьду а ца хууш,чехка дахара хьалхара ши де,кхозлаг1чу дийнахь х1ара д1а ца яхийта буьйлира йижарий:»Д1адалийтахь и экха,шена хила хьакъ дерг ду и» Оьг1азъяханчу жимахйолчо жоп
делира царна:
      -Суо акхарошка цестийта реза хир яра со,оццул сайца дика Хилла  долу  и 1аламат ца далийта.
       Дена тайра и къамел,цуо юха яха пурба а делира йо1ана.Амма йижарша массо а чуьра сахьташ юхадаьхнера,х1ара йиллинчу хенахь
д1а ца кхачийта.
      Шен д1аяхаеза сахьт т1екхаьчча ,ч1ог1а са карзахделира йоь1ан;
сахьте хьаьжча х1инца а хьалхе дара.Х1етте а кхин ца 1аш д1аяха то-
хаелира и,йижарша сецайора цхьацца дуьйцуш.Даго цхьаъ хьоьхура
кхунна.1адика а йина ,п1елгах мух1ар диллича ша хиллачу мармаран
ц1а чохь хилира иза .Дуьхьалволуш стаг ца карийча,цуо мохь туьйхи-ра:»Сан дика Эла,тешаме доттаг1,стенгахь ву хьо?-аьлла.-Суна дуь-хьал ма ца волу хьо,со-м йиллинчу хенал а сахьт хьалха еъний ц1а»
       Х1уммаъ дацара хезаш гонах:я олхазарийн шакарш а,я шовда-нийн зов а,я тоххарлера мукъам а.Кийра ша биллира йо1ана:цхьаъ
хиллий кхийтира иза.Массо а чухула,бешахула чекъелира и,шен эла
лоьхуш.Цо мохь беттара.Тийналла яра.Т1аккха ког ма-боллу,ал-ц1ен
зезаг долчу гу т1е яхара йо1.Шен ирчу ка-м1арашца зезаг мара а къевлина, гу т1ехь 1уьллура х1ордан 1аламат.Наб кхетта 1уьллу моьттура кхунна и,ткъа иза делла 1уьллура.
     Б1аьргашка дохк деара,юха гора а хиъна,экханан корта  т1е куьг а
диллина ,мохь туххуш йилхира и:
   -Самавалахь,сан деган доттаг1,сан  безам,со-м мегар яций хьох яьлча!  И дешнаш цуо аьлча,ц1еххьана ткъес туьйхира стиглахь,латта
а дегош.Цхьа стелахьаьштиг дахна бецан гуннах кхийтира.Йо1 кхетамчуьра а йолуш,юьйжира..
         Меллалц 1иллира иза ма-дарра ала хуур дац,амма мета еъча ,
паччахьан г1антахь мармаран чохь яра х1ара.Юххехь 1аш,коьртахь паччахьан таж а йолуш,безамехь къонах вара.Д1анехьуо лаьтташ да а, йижарий а ,гобаьккхина лаьтташ г1аролаш а бара. Паччахь-къонах
вистхилира йо1е:
      -Со хьуьнан экханан вастехь а вийзира хьуна,х1инца адаман вастехь везар вацара хьуна,сан хьоменаг,йолахь соьга. Къизачу бозбончас ,сан дена оьг1азъяхначохь,Бер долуш лачкъийнера со.Юха
луьйца йоьллинера,сох 1адаме 1аламат а деш.Со верг хила ,цхьаьнна
оцу сибатехь везавала везаш вара со,сан х1усамнана хила реза а -9 -хуьлуш.Ткъе итт шо хан яра со иштта веха.Цхьайтта хаза йо1  хиллера со волчохь хьошалг1ахь.Хьо шуьйтталг1а яра.Сан дикаллех
царех цхьаьнна а веза ца велира со.Хьо цхьаъ елира къинхетаме.Цун-
дела хьо х1инца сан х1усамнана хир ю.
       Массо а цец-акъваьлла висира цу балхах.Совдегаро декъалдира шен йо1,нуц а,пурба делира махбан а.Уьш декъалбира кхузахь Вов-шех мел кхеттачара:хьаг1 лелийначу йижарша а,тешамечу лайша а,хьоладайша а,къоначара а.Кхин хьем ца беш,д1адаьхьира доккха той .Уьш токхе ,ирссе баха хевшира.Со а дера кхечира цу тойне,ниг1-моз  мийлира,мекхаш дашийра,бага ца кхечира т1адам а.
     Кай-бож вайний,даь1ахкш-маь1ахкш цицигашний!



Гочддинарг:Абубакарова Пет1мат З.    2005-2006 шо,март




© Copyright: Петимат Абубакарова, 2011