***

Нунуев Саид-Хамзат-3
Зулам дита 1уьллучахь ша 1илла.
Меттахдаьлча х1аллакво цо хийла.
Д1овше дош хьайн багахь сацаде.
Хьайх цу дешан айхьа лай ма ве.

Хаза дош д1аала сихо е.
Хазчу дашо дуьне сирладоккху.
Хазчу дашо марзо йаржайо.
Хазчу дашо Далла улло воккху.