Дахаран туьха. Кхаа декъехь исторически роман

Исмаил Акаев
                ДЕШХЬАЛХЕ

ЯХАНЧУ ЗАМАНАН МОХЬ

(«Дахаран туьха» романах лаьцна литературни-философски ойла)

Оьрсийн сийлахь воккхачу яздархочо Толстой Николайс аьлла: «Дийцарах лаьцна еш йолу ойла иза бакъдолчунна а, кхоьллина хIуманна а юкъара доза ду, тамашийна кепара стеган кхетаме а долий, бIешерашца тидаза дуьссуш долу…»
Ткъа мичахь ду нохчийн журналистан а, яздархочун а Акаев ИсмаIалан романехь и доза?
«Са хуьлуш дара. Юрт меллаша набарха йолура». Ишта Лермонтовн хатIехь йолалуш ю ешархо адамийн шатайпа дуьнене вуьгуш йолу хIара роман.
Дахаран массо а агIо йовза хьогах долу вай, ваьшца латточу хьере къиссаме довлу. И къиссам чIогIа дика гайтина кху романехь.
Автор кхета ешархошна хьалха шен йолчу жоьпаллех, цундела иза кхетаман уггаре а кIоргечу къайленашка кхийда.
Романехь дукха дуьйцу дахаркъобалден некъашах лаьцна. Шеко йоцуш дахар — иза стеган уггаре а йоккха мехала ю. Дуьненан лехамашкахь цу дахаран боккъалла а мах хадо вайна ца хаьа а, я вай дицлой дуьссу. Дахаран ши агIо ю — бакъдерг а, харцдерг а. И шиъ цкъа а кхачалур йолуш яц, цара цкъа а паргIат ца вуьту цабезамо а, оьгIазлоно а хьерваьккхина волу стаг.
Цундела хир ву-кх романан коьрта турпалхо ИбрахIим ишта хьогах ша адамийн дахаран хьост лору бакъдерг довза.
Мел дукха ирча, декъаза кхолламаш бу цунна уллохь, мел доьхна, даьржина ду иза веха дуьне.
Иза цхьалха ву. Амма мухха делахь а иза дийна ву, цо сацийна бац кху дуьненчуьра шен лехамаш. ЧIир эца лаам беха романан турпалхойн дегнашкахь, амма цуьнца нийсса къинхетамах буьзна бу церан кийра. Автора ма-ярра йовзуьйту нохчийн Iадатан кIоргенаш — мел деза лоруш хилла нохчаша адамийн дахар. Кху говзарехь ешархошна девзар ду мел доккха маьIна долуш хилла нохчийн къомана чIир эцар а, чIир йитар а. Цуьнан мехаллех лаьцна автора дуьйцу сийлахь дезачу КъорIанна тIе а тевжаш.
«Дахаран туьха» романан сюжета кIорге ойла йойту селханен, таханенна бIаьргаш боьллуш, кханене сатийсам кхуллу. Вайн тIаьхье — иза вайн дIаэхначу дайн хедар йоцу зIе ю.
Вай мел лайнарг а, хIинца дахар санна хеташ тIе мел лоцуш дерг а цхьаьна лаамца доьзна ду — дуьненчохь ваха болчу лаамца. И лаам бу Акаев ИсмаIалан массо а турпалхойн дагчохь. И лаам безам санна ницкъ болуш а, кIоргера а бу. «Безаман ницкъ — иза дош ца олуш, вовшех кхетар, вовше довзар ду. Безам даима нуьре хуьлу бIаьрхийн а, сатийсаман а, васан а серлонца. Безам а, Iожалла а цхьаьна богIуш ши кхетам бац. Ткъа цу безамо Iожалле а шен маттахь къамел дойту, иштачу безамах олу адаман безам. Дала похIма деллачунна бен хуур дац лаккхара безам бовза. Са мел кхоьллина хIума деза хууш шегахь адамалла ерг бен хир вац»
Ишта йовзуьйту автора шен ешархошна безаман къайленаш. ХIара ерриге а роман нохчийн къоман историх юьйцина ю. Цунна тIебеана хилла уггаре а беза баланаш — махках дахар а, нохчийн ши тIом а кху романан агIонашкахь деган Iийжамца йовзуьйту автора, политически шалхо йоцуш, ма-дарра бакъдерг дуьйцу цо, ешархойн ойланашкахь кхоллаелла муьлхха а шеко дIайоккхур йолуш.
Цкъа мацах Ясперс Карла аьлла: «Ша вовза а, шех кхета а луучунна лаьа историх кхета а». Шеко йоцуш нийса луьйш хилла иза, хIунда аьлча мел къаьхьа иза елахь а истори истори хилаза ер яц. Ткъа кху романехь ешархойн аьтто хир бу нохчийн керла истори цуьнан ерриге а къаьхьаллица ма-ярра йовза.
Декъаза кхолламех юьзна ю и роман, амма хIете а хIора турпалхо мел хала киртиг тIехIоттарах собарах ца вуху, дахаре йолу шовкъ дIа ца йолу цуьнан. Кху говзаран исбаьхьаллин васт шалхонаша лаьцна дац, иза цIена ду, сирла ду.
Романан литературни-сценически кхачаллех дерг аьлча, билгалдаккха хьашт ду, кху говзаран боккха, маьIне чулацам хилар. Авторан чIогIа дика аьтто баьлла адамийн кхолламаш а, мехкан истори цхьаьна дозуш, ешархойн тидам тIеберзош, довзийта. Билгалдаккха деза хIара роман зорбане яьлла оьрсийн а, нохчийн а, ингалс а меттанашкахь.
Бакъболчу хиламийн буха тIехь хIоттийна йолчу кху говзарехь, гуш ду авторана истори хилла ца Iаш, кху заманан политически процессаш а дика евзаш хилар. Цара дIалоцу ерриге а роман.
Суна хетарехь, Акаев ИсмаIалан дуьххьара роман вуно кхиам болуш ю. Цуьнан агIонашкахь беха дахаре болу нийса хьежам а, нохчаллин башхалла а, историн кIорге а, Iадатан хазалла а.
«Дахаран туьха» романан аьтто баьлла яханчу замане тIай туьллуш, ешархошна нохчийн историн бакъдолу васт гайта.
Ас Iалашо ца хIоттийнера критика ян, суна сайна хетарг ала лиира кху башха литературин говзарна, амма тIаьххьара дош даима ешархочуьнгахь хилла ду, цуо нийса кхел йийр ю аьлла а хета суна.
Кху романан дахар атта хир дац, хIунда аьлча цо шен агIонашкахь айдинарг а ду чолхе а, тIеэца хала а, амма французски Iилманчас а, философа Жан-Жак Руссос ма-аллара: «Замано гойтур ду»
Ярычев Насруддин, историк
ЮНЕСКО литературни кхеташонан
кегирхойн палатин декъашхо, философи Iилманан доктор.
                Авторан дош
БисмиллахIир-рахьманир-рахьим. Алхьамду лиллахIи раббил Iаламин.
Уггаре а сийсаза ду лай хилла вахар.

Дахаре бIаьрг беттар яздархочунна дуккха а хазох ду шен йозанан дийцарехь — Iожаллан сурт дуьллучул.
Кху говзаран васташ мел ирча а, декъаза а делахь а, цара гойтуш дерг бакъдерг ду, шен ерриге а къаьхьаллица.
Цу бакъдолчун заманан йохаллера схьахеза мохь бу кху книгин коьрта чулацам.
Кхочуш ца хиллачу сатийсамийн, лазаман, лайначу баланийн мохь, иза вайн а, вайн тIаьхьенан а иэсехь даима хезар бу.
Амма теша лаьа и мохь ца хезаш тIаьхье а вайн кхууьр ю аьлла.
ХIара жайна лерина ду цу къизачу, боьхачу тIамехь мел эгначийн иэсана.
Башха а дац политологаша а, авантюристаша а муха цIе туьллу Нохчийчуьра хиламашна,
— амма коьртаниг ду нохчийн къам шена хиллачух кхетар а, цуьнан нийса маьIна дар а.
Къаьсттина мехала ду шо шаре мел долу вайн къоман кийрахь дикалла, комаьршалла, син-оьздангалла чIагIлуш, баланийн IиндагIера маьрша даьлла, тIаьхьарчу тIаьхьенна шен сирла ламасташ кховдош, вайн къомана даха хаар а, цу дахаре йолу шовкъ цуьнан цкъа а дIа ца ялар а.
Адам маьрша хила деза шен дахаран новкъахь, амма кхечуьнан маршонна тIекхийдаш и делахь — маьрша-м хир дац иза ша а…

Акаев ИсмаIал
2001шо

 
               








                Iадат

                I

Са хуьлуш дара… Меллаша набарха йолура юрт. Амма Заурбекан хIусамехь дукха хан яра массо а гIеттина. Кхузахь ТасуевгIеран тайпанера массо а къонаха вовшахкхеттера. Цара бийцаре беш бара тховса кхочуш хила беза шайн дахарера уггаре а маьIне хилам. Уггаре а чIогIа кху дийне сатийсина волу Заурбек-м вацара къамелехь дакъа лоцуш. Иза массарна а генна ваьлла кхоьлина Iаш вара. Еха къоьжа месаш а, яьлла маж а — замано гIелдиначу цуьнан юьхь-сибат тIе хьаьжча гуш дара мел беза хилла дахаран мохь.
ГIайгIане ойланаша кIелвитинера Заурбек. Цуьнан бIаьргашна хьалха лаьттара яханчу заманера и ирча суьрташ. Цунна гуш яра генарчу паналле шаьш эцна йоьдучу цу шийлачу цIерпоштан вагонаш, луьрабоьллачу саьлтийн оьгIазе яьххьаш, лай тIе охьакхиссина сенделла декъий. Цунна тховса юха а хIетахь санна уллохь хеталора чилланах кхуьнан и эгIазе жима дегI дохда гIерташ хилла ненан ховха ши куьйг.
Ткъа юха дагалецамаша дуьхьал тессира хIорш махкаха баьхна масех шо далале генарчу Казахстанехь кхунна тIеIоттаелла дахаран и чолхе киртиг. Даго хIинца а бохура хIетахь кхин некъ ца хиллий, кхин юхавала меттиг ца хиллий. Дога цIе йолчу цхьаьна стага бехк боцуш кхуьнан йишин цIе сийсаза ян гIоьртира, ткъа и санна дерг нохчийн Iадатан терзанан барам тIе диллича цIийца бен декхалуш дац. ХIара шиъ тассавелира. Догин гIо лаца цуьнан накъостий кхечира. Ницкъаш цхьатерра бацара, цундела Заурбек урсана тIе кхевдира. Чов чIогIа ца хиллехь а, Дога дукха цIий дIаэхар бахьана долуш дIавелира.

Заурбек ша цу девнехь чIогIа лазийна воллушшехь, Iедалан кхелах ца велира — цунна итт шо хан туьйхира. Ала деза, Заурбекана хилла чевнаш кIезиг яцара. Догин гергарчу наха цу девнехь диг диттина а ца Iаш, тоьпан дIаьндарг а дегIах чекхяьккхинера. Рицкъ хиларна Заурбек виссира.
Iедалан кхеле хIара гIуллакх диллинчу хенахь, кхин цхьа кхел яра йоьдуш — цигахь сацам беш Догин гергара нах бара. Цара чIагIо йира шайн аьтто ма белли Догин чIирана Заурбек вен. Заурбекана хаьара Iедалан кхел чекхьялча, Iадатан кхел хир юй, ткъа иза кхуьнан цIий Iанорца бен кхочуш хир йоций а.
Кху заманахь чIир лехар иза дицдан хьашт долу къиза Iадат хета. Амма чаккхе йоцучу тIемашкахь шайн маршо къуьссу нохчийн чIир лехаран Iадато ур-арталла совцабаро адамна тIекховдарах.
Сталин веллачул тIаьхьа, 1953-чу шарахь Заурбекана амнисти йира. Кхо шо набахтехь а даьккхина, иза маьрша велира, доьзал а кхоьллира. Дуьненчу велира цуьнан дуьххьара кIант СаьIид. Денош а шераш а луьстуш дIауьдура зама, хеталора дахар шен хорше доьрзуш ду.
Амма дукха хан ялале нана дIаелира. 1941-чу шарахь Брестан гIап ларъеш доьналлица кхелхиначу шен цIийндена а, геналлехь биссинчу Даймахкана а сагатдаро гIелдинчу цуьнан деган кхин дIа деттадала ницкъ бацара. Ша дуьненчуьра дIаяллалц ларйира цо фронтера деанчу кехатан мажъелла юьхк.
Инзаре дукха нохчаша гайтира шайн доьналла Даймехкан Сийлахь боккхачу тIамехь. Цхьаьна Брестан гIопехь тIеман хьалхарчу деношкахь шайн синош дIаделира ши бIе сов нохчийн бIаьхочо. Амма майраллица шаьш Даймехкан сий къуьссучу хенахь царна ца хаьара ямартхойн йоцу цIе а кхоьллина массо а нохчий а, гIалгIай а сийначу Сибрех а, Казахстане а, ГIиргIазойн махка а дIабохор буй. Кху дуьненна шех тераниг кхин гина доцу, шен къизаллица дуста барам боцу и зулам хилира 1944-чу шеран чилланан беттан 23-чохь ЦIечу эскаран дезчу дийнахь.
РеIадат кхелхинчу дийннахь дIайоьллира. Назманан гIийлачу узамца тIаьххаьрчу новкъаеккхира кIеда-мерза, комаьрша хилла нана…
Цкъа а ца хилча санна дIаелира иза Заурбекан дахарера, кIентан дагчохь цкъа а йоьрзур йоцу чов а юьтуш. Гергарчу наха гIо дина доллушшехь, дайн Iадаташ лардеш, йолла ма еззара шен нана дIайолла аьтто ца белира Заурбекан. Тезет а гIийла яра. Чуртан метта РеIадатана кошан гIовланга цхьа жима тIулг биллира. Иза хIинца а Iуьллу цигахь… нехан лаьттахь. Ткъа цIа а еана дIайолла езаш ма яра, амма цкъачунна я таро а, я ницкъ а бац. Амма Заурбек тешна ву заманан йохалла кхуьнан лаам кIенташа кхочуш бийриг хиларах.
1957-чу шарахь нохчий а, гIалгIай а буьрсачу Iай бIаьстенах хьаьгна човканаш санна, кестта Даймохк гур хиларо ойла тIомаяьккхина, хазахетарца схьаоьхура Кавказе. Ма боккхачу сингаттамца новкъйохура Заурбека Даймахка цIа оьхучу шен махкахойн и ирсе тобанаш. ЧIир хьаьрчина хилар бахьана долуш, цIехьа боьду некъ цунна бихкина бара, цундела иза виссира цигахь, нехан махкахь кхи дIа а чолхечу дахарах доьналлица тийссавала. Дахар дан а дацара атта, амма набахто зийна волу Заурбек ца къехкара халонех. Заурбекан доьзал нахал тоьлла Iаш бацара, я эшна а бацара. СаьIида школехь кхиамаш бохура, иштта дуьненчу делира кхин а ши бер йоI Зарган а, кIант ИбрахIим а.
Хаза кхаъ беара Кавказера а. Цигахь цуьнан гергара нах шайн ма-хуьлла Догин гергарчу нахаца барт бан гIертара кхи дIа хин долчунах лаьцна, хIунда аьлча Заурбек къаьсттина цу доьзалца гIиллакх лаьцна ма вара Даймахка цIа верза йиш йоцуш.

Зама-м шен шераш хуьйцуш, ша цхьаммо сацорна кхоьруш санна дIауьдура. Заурбек массарна а къайлахь Нохчийчу цIа веара, шен тайпанера къаношкара бакъо а яьккхина. Амма ца веара ша вина а, кхиъна хиллачу, нохчийн лаьмнийн кIажехь Iуьллучу шен юьртам-м. Иза ваха хиира цунна дукха гена, Теркйистера цхьаьна кIотарехь. Кхузахь иза цхьаьнна а новкъа воцуш, шен хьанал рицкъ доккхуш, къахьоьгуш Iаш вара.
Доьзал кхиира. Школа а ткъа цул тIаьхьа университетан юридически факультет а чекхяьккхира воккхахволчу кIанта СаьIида. Лоьран корматалла кара а ерзийна, нехан цIентIе дIаяхара Зарган а.
Жимох волу ИбрахIим школехь доьшуш вара. Леккхачу дегIахь, зоьртала, цIена нохчийн амат а, иштта дахаре сирла хьежам а болуш, шен дена дика накъост кхиира цунах. Заурбека массо а берашна юкъахь ИбрахIим вара уггаре а комаьрша а, схьаийна а.
Заурбека цхьаьнна а ца хоуьйтура ша ИбрахIим доьзалехь къастош вуй. Амма хIете а цхьацца хIуманна тIехь гучуболура цуьнан жимхага болу безам. Иза ларамза а ца хиллера. Заманан йохалла ИбрахIима шен оьздачу гIиллакхашца, йист йоцучу доьналлица гойтур ду массарна а эрна ца хиллий дас шеца лелош хилла и шатайпа юкъаметтиг…
Нохчийн массо а Iадаташна юкъахь чIир йитар уггаре а кIоргIера а, чулацаме а лара мегар ду. Вайн дайша шираллера схьакховдийначу цу ламасто бен доцуш вуьтур вац цхьа а. И кхочуш деш йоккхуш йолу хIора а гIулч ю кIоргера маьIна долуш. Цкъа хьалха билгалйиначу меттиге тIекхочу нехан карах веллачун гергара нах. Цхьаьнакхетаран меттиг дукха хьолахь юьртана геннахь, шерачу аренгахь билгалйоккху. Вийначу стеган гергара нах схьакхаьчначул тIаьхьа, юкъахьлелаш волчо ларамца хаам бо цаьрга чIирхой кхеран кхеле ладогIа кийча хиларах лаьцна. Ткъа цул тIаьхьа цIий Iанийначун агIонерчара дIаболабо шайн и башха некъ. И меттиг мел гена елахь а, цига гIаш ваха веза. Тобанна хьалха ваьлла шен уллерчу гергара нахаца (да, ваша, кIант) воьдуш хуьлу чIирхо. Еха палаш, башлакхца дIакъевлина корта а, юьхь а. Цунна тIаьхьахIиттина богIуш хуьлу цуьнан гергара нах, ткъа царна тIаьхьа тайпанан векалш.
Шайн стеган карах веллачун гергара нахана тIекхача масех метр йиссинчу хенахь, тоба соцу. Цигахь шина тайпанан къаной дуьхь дуьхьал хIуьтту шайн деха къамел дIадоло. Шина а агIоно билгал ван везаш волу къано юкъараллехь дика цIе йоккхуш, динан Iилма долуш хила веза. Кху шина а агIонна маслаIатан векал хиллера юртахь а, махкахь а дика цIе йоккхуш, бусулба динан Iилма Iаморехь а, даржорехь а дика кхиамаш баьхна, юкъараллехь лоруш волу ЧIиннахара къано Абу-Хьаьжа.

Нагахь санна и санна верг вацахь, тайпанера я, юьртара кхайкха веза. Церан къамелах доьзна хуьлу кху гIуллакхан муха тIаьхьало хир ю. Ткъа бина сацам шина агIоне бовзуьйту. ЧIирхо вуьту, амма цу тIехь дерриге а чекх ца долу. Шега дош доьхий вистхуьлу стаг вийначеран агIонера векал лаьтта къано. Иза гулбеллачаьрга вистхуьлу. Цуьнан къамел дукха хьолахь кегийчарна лерина ду. Цо сийлахьчу КъорIанан сураташна тIетевжаш дуьйцу мел беза бу адаман мах, мел деза ду АллахI Дала стагана чудиллина са, ткъа иза дегIах къасто цу АллахIан бен бакъо а яц. Цо дуьйцу мел беза бу адамийн вовшашца хила беза ларам, нохчийн юкъараллас кху дийне схьадеанчу Iадатийн мехаллех лаьцна дуьйцу цо. Къаночун къамел деха хуьлу, амма цуьнан маьIна массарна а кхеташ ду — оза терза карор доцуш еза ю нохчийн къоман син-оьздангаллин лард, ткъа иза ларъян къонахалла, доьналла хила деза хIорангахь а…
Бехк боцуш вийначун чIир атта йитина яц нохчаша. Хийла цIий хьуьйдина ду нохчийн латта, эцна чIир бахьана долуш, хийла хьех ю мостагIех ведда чIирхо шена чохь лечкъийна. Амма делла дош нохчочуьнга юха оьцуьйтуш, цуьнга шен оьгIазло къинхетамна хийцийта ницкъ кхочург гIиллакх ду!
Заманан йохаллера дуьйцуш схьакхаьчна вайга нохчийн лаьмнашкахь некъ тилина, ларамза шен керта веана чIирхо и хьаша хиларна витина масалш. И чIир оьцуш а ларйина нохчаша шайн оьздангалла. Масала, чIирхо вен а вийна, цуьнан дакъа цкъа а тесна дитина дац нохчочо, иза экханах лардеш, юьстах а доккхий, цунна тIехь Йеса а доьший, иза волчарга хоуьйтуш хилла — оха тхайн стагах чIир эцна, ткъа шайн дакъа билггал эццера дIахьо. Иза ю и заманан дарцашка ца йожъелла нохчалла… кху дуьненан букъа тIехь цуьнца юста мехала карор яц цхьаьнна а я, карийна а яц…
Шен къамел дерзош, цо чIирхошка хаам бо уьш бита а, тIелаца а дуьхьал йолу агIо реза хиларах лаьцна, ткъа цул тIаьхьа шайн стаг вийначу мостагIашна цIий хьанал деш, гечдан собар а, кхетам а АллахIа баларна хастам беш доIа до воккхачу стага. Бехк боцуш даьккхина са цIийца бен декхалур дац, амма нагахь санна ахь и кхел Делан каралахь, хьуна цуьнгара ял хир ю.
Цул тIаьхьа чIирхойн агIонера къано вистхуьлу. Цуьнан къамел доца а, оьзда а ду. Цо баркалла олу Дела шен доьхьа шаьш тIеэца собар карорна, Делан шен доьхьа шайн стеган цIий хьанал дарна. ТIаккха шина а агIонера нах куьйге боьлху.
Амма цу тIехь а чекх ца долу и. ТIекхочу уггаре а чулацаме а, уггаре а чIогIа дагах кхеташ, и дог карзахдоккху мIаьрго. Селхана-стомара мостагIий хилла лаьттинарш, тховса цхьа гуо бой дIахIуьтту. Цу гуонна юккъехь лаьттачу гIанта охьахуу чIирхо, ткъа цунна тIевогIу чIирхочун карах веллачун кIант. Цо шен куьйга схьайоьллу заманан йохалла кху дуьненахь чIирхочо лечкъийна хилла юьхь. КIентан карахь шаьлта санна ира урс ду. Селхана ша шен ден сина дуьхьал са даккха чIагIо йиначу стеган тахана цуо хIуммаъ собарах ца вухуш, маж а, корт а - бошу. Дала хийцина цо шен дахарехь хIоттийна хилла уггаре а коьрта Iалашо. Къаьхьачу цабезаман метта, Кхоьллинчо цуьнан кийра ца духу собар а, кхетам а боссийна. ЧIир леха араваьлла хилларг кху мIаьргонехь урс карахь лаьтта, амма и урс цIий Iано айдина дац, шина тайпанна юкъара мостагIаллин пардо дIайоккхуш айдина ду. Шен чIирхочун юхьтIе оьзна башлаккх дIа а йоккхуш, цуьнан шерашца яхъелла къоьжа маж дIа а йошуш, цо тоьшалла до -мел боккха ницкъ хилла шегахь, кийра буьзна хилла оьгIазло, тховса шайтIа эшош, къинхетамана хийца. Цо шена а, нахана а хьалха тоьшалла до ша Делан лай хиларан, ша делла дош, хIара дуьне мел деха, дехар хиларан, ша а, шен дийнна тайпано а тховса Делан лаам хьалха а тоттуш, дерриге а дуьне а, Iалам а теш а лоцуш, шайн стаг вийначу чIирхочунна цIий хьанал деш хиларан.
Амма ширачу заманера схьадогIуш алар а ду — делла дош дохош, маж йошуш долу куьйг «дегийна» — Iаьржачу лаьтта цIий Iенина меттиг нисъелла бохуш. Ткъа хIетахь-м ши тайпа тIамца дуьхь-дуьхьал доьдуш хилла. Нагахь и санна дерг халкълахь дуьйцуш диссинехь и тайпа са кIезиг нах а хилла хила тарло нохчийн юкъараллехь. Цундела ларамза хир дац чIир йитарехь зударий хилийта магош ца хилар. Цул совнаха, цигахь нохчийн Iадатаца, чIирхочун уггаре а жимох волу кIант а, я, цхьаъ бен воцу кIант а хилийта бакъо яц чIир юьтучохь. Амма тIаьхьарчу бIешерехь чIирхошна делла дош дохийна меттиг нисъелла яц нохчийн юкъараллехь, цуьнан теш лаьтта халкъан иэс лардеш болу, замано къежбина къаной.

Теркан тогIехь Iуьллу и жима кIотар самаяьккхира сийначу Iуьйрено. Цуьнан массо а маьIIера схьахезара летачу жIаьлийн а, дажа дIадаха сихделлачу даьхнийн а гIовгIа. ГIайгIане ойланаша цIеххьана самаваьккхира Заурбек а. БIешеран доьалгIа дакъа-м хIете а дIадаьллера цо кху Iуьйрене сатуьйсуш. Иза меллаша корах тессина кIади дIа а теттина ара хьаьжира. Стигал а ша ма-ярра сийна яра, хIуммаъ ца хилча санна, лаьтта шен зIаьнарш эгайора дашочу малхо, амма Заурбекана хеталора дахаран синтеме кхуьнан некъ бихкина хилла дийнна лам шен кийрахь охьахаьрцина….

ТIаьххьара кечамаш а чекхбевлира. Къаноша кхин цкъаъ дага а бевлла, сацам бира кхо шо кхаьчна старгIа а, ши гали дама а, оццул шекар а, иштта пхи эзар сом ахча а Догин доьзална дIакхачо. И гIо дар Iадато магийна ду. Цуьнан барам шина агIоно билггал ма барра бу, амма иза шовзткъа бежанан мехал сов балийта мегаш а дац. Амма и мостагIалла ширалле дирзина хилар бахьана долуш, Догин гергара нах и тIеэца ца тигира, амма хIете а ЗаурбекагIарна лиира юха а и гIиллакх цаьрга кховдо.
Iадато ма-бохху а, шен дас дина дехара бахьана долуш а, Заурбекан жимох волу кIант ИбрахIим цу дийнахь цIахь сецира. Нагахь санна чIир йитарехь дагахь доцург дуьхьал далахь, ТасуевгIеран хIу ца хадийтарна жоьпалла ИбрахIимана тIехь юьссура. Доьзалехь оцу кепара мехала дакъа лаца шена бакъо елла йоллушшехь, ИбрахIима дукха хIума лур дара тховса шен дена а, шен дерриге а тайпанна а уллохь хила. Цуьнан жималлин цIергахь догучу дагна ца лаьара оццул чIогIа шен дас сатийсина йолу мIаьрго тховса шена ца гуш тIехъялийта…
Машенийн а, автобусийн а еха могIа новкъа елира. БIе шовзткъе итт километр йохалла некъ бара цара арабаьккхинарг. Довхачу дешнашца, ловцашца новкъабохура уьш лулахоша, шайн даго ма-бохху цу гIуллакхан чаккхе хилла цIа дерзар нислойла шун бохуш…
Билгалйиначу меттиге уьш схьакхаьчна масех минот ялале, кхуза кхечира Iаьржачу басахь «Волга» машен. Цу чуьра охьавоьссира нохчийн къомаха а волуш, тайначу аматехь цхьа стаг. Схьахетарехь, иза лериначу урхаллийн белхало вара. Цо дийхира гулбеллачарна юкъара милла а цхьаъ шега вистхила юьстахвала аьлла. Къаноша дукха ойла ца еш Заурбекан воккхах волу кIант СаьIид дIахьажийра КГБ белхалочуьнга вистхила. Могуш-паргIат а хаьттина, и шиъ машенна чухиира. Цаьрга хьоьжуш лаьттачарна и къамел чаккхе йоцуш дахделла хеталора, амма ма-дарра аьлча яьлларг ткъа минот бен хан яцара. СаьIид машенчуьра охьавоьссира, цунна тIаьхье КГБ шиъ белхало а. Лаккхара дарж долу шолгIаниг оьрси вара. Советан Iедалан муьрехь республикин массо а нуьцкъаллин структурашкара лаккхара даржашкахь оьрсий а бара, лериначу урхаллашкара муьлха а декхара кхочуш деш волчу нохчочун терго еш даима а цхьацца оьрси а хилла.
Кхайкхаза баьхкина хьеший СаьIидан Iодика а йина дIабахара. СаьIида дийцира гулбеллачаьрга уьш хIун дахьаш баьхкинера. Цхьанна а башха цецвала хIума дацара уьш кхуза кхачар. Дукха хьолахь церан «хьошалла» къамелаца дIадоьрзура, амма хIете а шайгара дукха ца оьшу, Iадатаца ца богIу хийцамаш бора цара хIара тайпа гIуллакхехь. ЧIирана партис кхайкхина болчу къиссаме хьаьжжина, КГБ-на хууш дара мила хьенан чIирхо ву. Цу организацис шен ницкъ кхочург дара деш нохчийн юкъараллера чIир йитаран Iадат дIадаккха.
Тховса а уьш кхуза баьхкинера дукха хьолахь гулбеллачарна диц ца далийта шайна ца хууш кху махкахь хIумма а чекхдер доций. Иза бакъду. Советан Iедалан заманахь КГБ вуно чIогIа ницкъ болу организаци яра. Цуьнан лергаш а, бIаьргаш а ца кхочуш ца юьссура Нохч-ГIалгIайчохь цхьа а генара а кIотар. Бахархой-м боьллера цу гIуллакхах. Цхьа кхузткъа-кхузткъе итт шо хьалха Iедалца къайлах уьйр латтош, айкх эцна вахар нохчийн юкъараллехь цIанлур доцу эхь хеттера. Мотт бетташ волу стаг а, цуьнан берриге а доьзал а махкахоша йемал деш, юьртаха боккхуш хилла. Цуьнан къеггина масала ду Хорчара БорщиговгIеран доьзал. Уьш юьртаха баьхнера Харачойн Зеламхаца ямарт хиларна. Таханлерачу дийнахь а, цу доьзалан тIаьхьенан аьтто бац шайн дай баьхначу лаьтта ког баккха. Цул совнаха, цу доьзалца цхьаьна а кепара юкъаметтиг латтор эхь лерина нохчаша.
Нагахь санна антиколониальни тIемаш долчу хенахь къайлах мотт беш волчо дийнна юьртана а зен деш хиллехь, тахана совхозан ча лачкъийна, я Iедална луьйш гучуваьллачунна мотт бар ши-кхо шо хан тохарца чекхдолу.

Мотт тохар иза шуьйра дийцаре долу гIуллакх хилла. Нагахь санна цхьаммо мотт тохар бахьана долуш зен хиллачун доьзал и айкх эцна ваханчунна дIадекха гIерташ хилла. ХIоранна а лаьара законе хьаьжжина ваха. Шерашца баланаш лайна адамаш кхетара Советан Iедалах тийссабала шайн ницкъ тоьар боций, цундела цуьнца бертахь Iаш хилча аттох ду, цу Iедалан харцо хьайн гуш ялахь а. Миска нахана-м башха ишта вуо а дацара и Iедал ма-дарра аьлча.

СаьIид чIирхочун кIант хиларал совнаха, иза эпсаран цIе лелош, чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон белхало а, коммунист а вуй хиъча, КГБ белхалоша йемалдарца тIелецира и тайпа цхьаьнакхетаршкахь цо дакъа лацар. Эпсарана дагадийтира цу хьокъехь партис хIу боху а, пачхьалкхан ойланна дуьхьал долчу цхьаьнакхетарехь дакъа лацар республикин партийни куьйгаллина хуур хилар а. Иштта кхерам тессира гулбелларш нуьцкъала дIасалохкур бу аьлла.
СаьIида уьш кхетийра шина тайпанна юкъахь ткъе пхиъ шо сов хенахь дуьйна хилла хIара мостагIалла тховса кхин цкъа а ца хьахо дIадоккххуш ду аьлла. Цул совнаха, хIара тайпа цхьаьнакхетар мелхо а машарна тIехьажийна ду, тIекхууьчу чкъурана а кхетийта, геч дина стаг вита, цуьнан цIий Iаночул совнаха доьналла оьший. СаьIида кIоргера къамел дира лериначу урхаллийн белхалошца. Партина дуьхьал вала а ца гIерташ, нохчийн Iадатийн кIорге йовзийта шен дерриге а, хьекъал а, кхетам а тIехьажийра цо. СаьIида билгалдаьккхира Iедалан таIзар кхочушдаран система буьззинчу барамехь тоьлла яц аьлла, хIунда аьлча набахтичуьра араваьллачо ша дина зулам кхин цкъаъ до, амма заманан йохалла гина дац витиначу чIирхочо юха а адамна тIекхевдина а, ур-аттала цхьа жима зулам дина аьлла а гучудаьлла. Оцу кепара вайна го мел еза ю Iадатан мехала. Амма хIете а социалистически юкъараллехь Iадат хьалхататта а оьшуш дац. Цу тIехь церан къамел чекхделира.
Баккхий нах дукха чIогIа реза хилира СаьIида диначу къамелана, цуьнан дешаран пайда билгал а боккхуш. Цул тIаьхьа гулбеллачара кхи дIа шайн гIуллакх дIадехьира…

Цкъа хьалха гулбеллачаьрга вистхилира къано. Цо дехха дуьйцура чIир йитаран мехаллех а, нохчийн гIиллакхех а лаьцна.
Къаночун къамелана новкъарло ярна кхоьруш санна, меллаша диттийн гаьннаш хьоьстура бIаьстенан мелачу мохо. Лаьттахула доьдучу сагалматан болар а хезар долуш тийналла хIоьттира гулбеллачарна юкъахь. Ткъа къано-м ойланаша масачу дойша санна вадийна генарчу геналле вигира. Тахана иза шина тайпанна юкъахь машар бан лаьтта.
Тасуев Заурбекана (ТIасин Акин Генжин кIантан Наурдинан васт) стаг ву тахана вуьтуш — цуьнан карах веллера Дога, амма къаночунна хаьа шен цхьа а шеко йоцуш церан доьзалах дош дала бакъо юй, хIунда аьлча дагалецамаша иза сихвина кху тийначу Шина-Суьйра юкъара майданера буьрсачу Органан чIоже вигира. Цигахь… дуккха а дуккха а шераш хьалха лаьмнийн марахь Iуьллучу ЧIиннахахь цIий Iанар бахьана долуш, цхьаьна тайпанера шина кIотарна — боки-дукъархошна а, уьшкхалхошна а юкъахь заманан йохалла дIадоьдуш дов дара. И шайна юкъара чIир кар-кара а оьцуш дIакхоьхьуш дара цара и мостагIалла. ТIекхечира тIеман и къиза шераш. Паччахьан Iедало ницкъ бина ламарой шайн маршо къовса гIевттина мур бара и. Цу тIамехь майраллица летара Боки-Дукъара Заурбекан кхоалгIа да ТIас а, цуьнан ваша Арсгири а. ХIетахь церан чIир йитаза яра, хIунда аьлча кхара уьшкхалхойн байинчу нехан терахь ворхI стаге даьллера, ткъа боки-дукъархойн дуьхьал винарг ялх бен вацара. Оцу кепара и чот нисъян, уьшкхалхой декхарийлахь бара шайн чIир эца. Амма тIеман кIурлахь-м церан мостагIа цхьаъ хилира, хIунда аьлча къуьйссуш ерг Даймехкан маршо яра. Цигахь ламанца Паччахьан эскарна дуьхьал летачохь, Арсгири шен ваша ТIас цхьаьна а волуш тIекхечира мостагIчун герз кхетта воьжначу уьшкхалхочунна. Хетарехь, цуьнан накъостий и дакъа дIадахьа аьтто ца болуш дIабахнера. Юьхьанцара воьхнера иза, шаьш церан чIирхой хиларе терра, амма кийра буьзна йолчу нохчаллина шена хиира кхи дIа хIун дан деза. Меллаша охьалахвелла, шена тIера верта схьа а даьккхина, Делан цIе а йоккхуш, дакъа цу юкъа а хьарчийна, иза веллачун говра тIе а диллина, шен ваша ТIас тIаьхьа а хIоттийна новкъавелира Арсгири.
Сахуьлуш, Уьшхкхала кхочуш, цо меллаша, дIахийцира говр. Iуьйранна и говр шайн керта еъча, цу тIера шен кIентан цхьаммо леррина гIайгIа беш кечдина дакъа охьа а доккхуш, дас элира — суна хаьа хIара тайпа хIума дан доьналла Арсгирехь бен хир дацара. Юха Боки-Дукъа агIоне дIа а хьаьжна, цо и юрт екош мохь туьйхира:
— Арсгири! Хьо тоьлла хьуна тахана!
Маржа-яI мел деза лоруш хилла нохчийн лаьмнашкахь адаман дахар а, Iожалла а.
Уьшкхалахо кхетара Арсгирина хIуммаъ атта ца хиллий тIеман кIурлара шен мостагIчун дакъа схьаэца. Нохчашна даима а мехалла хетта шайн стеган тIехIотта коша барз хилар, цундела иза шена хууш, мостагIий уьш боллушшехь, вийна Iуьллучун доьзалан ойла йира Арсигирис.
Ткъа юха-м заманан йохалла хийла доьза дайра и нохчийн декъий, хийла Соьлжа-ГIалин урамашкахь мецачу жIаьлеша дIасатекхадира уьш, хийла мостагIаша сийсаза деш, шерашца Iохкура уьш дай баьхначу лаьттахь а кошан барз ца карош.
Уьшкхалахь доьдуш тезет а долуш, Боки-Дукъа геланча кхечира — шуьца долу мостагIалла тховса чекхдаьлла, уьшкхалахошна лаьа шу шайн тезетахь ган аьлла. Оцу кепара боки-дукъархоша гайтина яьхь бахьана долуш, шерашца лаьттина мостагIалла хадош, тIаьххьара шайн вийна стаг витира царна уьшкхалахоша. Шайн мостагIаша гайтиначу доьналлин дуьхьал шайн лаккхара син-оьздангалла а, гIиллакх а гойтуш. Къано сецира, вехха лаьтта бIаьра хьоьжуш. Маржа-яI нохчалла… Башломал леккха хилла-кх хьо, амма хьан ирхенаш яха дац-кх атта…

ЧIир йитар нохчийн Iадатан лехамашца догIуш, кхин цхьаьна а хIумано новкъарло ца еш дIа чекхделира. Догин гергарчу наха шаьш хьалха дIахьедина ма-хиллара, сурсаташца а, ахчанца а деш долу гIо тIе ца лецира, ткъа шайн рогIехь ЗаурбекагIара цаьрга тешо йира и кхачанан сурсаташ а, ахча а шаьш Догина тIера сагIийна мискачу доьзалшна дIасадоькъур ду аьлла.
Чубуза кечбеллачу малхо шен зIаьнарш яржийна, цIийелла йогура стигла. Ма шатайпа йоьссира хIара суьйре тийначу Теркан тогIехь. Яханчу заманехь йиссира шерашца кийрахь къийлина массо а гIайгIанаш а, сингаттам а. Доьзалах болчу кхерамо кхин дагах мIараш туьссур яц. Хилларг бIаьргаш дуьхьал хIиттош, набарха вохуш, дагалецамаша а кхин хьийзор вац. Ма маьрша еара хIара суьйре. Ма шатайпа детталора дог. Заурбек юха а лаьттара корах ара а хьоьжуш. ЦIегIа босс беттачу стиглахь, меллаша шен шекъа Iенош, баьржара маьркIажен бода. Са бIарзделла, даш санна базбелла сингаттам кийрахь а къуьйлуш, хийлозза бIаьрг биттинера Заурбека кху кIотаран шерачу аренашка, ткъа тховса-м гIенахь лаьмнаш гур ду…
ХIинца цуьнан бакъо ю лаьмнийн кIажехь Iуьллучу, шен дай баьхна йолчу цу исбаьхьа юьрта доьзалца цIа верза. Муха ю теша и хIинца? Хьалха санна зевнечу олхазарийн аьзнаша йохий теша и сама? Тишъеллий те кешнийн керташ? Бераллехь идда некъаш къухь яьлла-м дац те? Юьрта йистера гу тIехь хIинца а довлий теша шелонца къийссало и ховха лайснаш? ХIинца а дуй-те варшашкахь лечкъаш мекара иччархочух кхераделла лу? Нускал санна кIайчу зазанца кечбелла, лаьттий тIе хIинца а дадас дIабийна хилла кхор? Ткъа хIаваъ… хIинца а дуй теша иза ишта цIена? Хеталора иза кху юьртан гуо бина лаьттачу лаьмнийн кортош тIера мархаша гулдой хIора а Iуьйранна кху юьртана совгIатна дохьу…
Иза ша дерриге а гур ду те? Аьтто хир бу те шерашца яйна хилла кхерчара цIе юха а лато?! Хастам хиларг ма ницкъ бу хьоьгахь! Заурбекана хIинца хIара дерриге а дуьне кхечу агIор гуш дара. Дуьне хаза дара! Иза хьакъ дара къийсса а, ваха а. Заурбек тешна вара шен берашка а, берийн берашка а хьоьжуш сирла кхане хиларна. Иза тешара тахана дуьйна ша нехан стеган цIий Iанор бахьана долуш хьарчинчу къинах цу стеган доьзална хьалха маьрша вуй…
ХIора а ламазехь ма доьхура цо Деле шена гечдаре, хIунда аьлча кхана догIур долчу Къемата дийнахь а ша жоп дала дезаш вуй хууш.
Цу сарахь сагIа а даьккхира, гергара нах а, лулахой а кхайкхина, Дела а, цуьнан Элча Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хестош мовлид йийшира. Ах буьйса яьлча дIасабахара хьеший. Амма Заурбекан корехь стогар хIинца а дIабанза бара. Хазахетар лан а оьшуш хилла-кх бала лан санна онда ницкъ. Наб озийна хIусам буьйсанан тийналлица ийра. Амма цу чохь вижанза шиъ вара — Заурбек а, цуьнан жимох волу кIант ИбрахIим а…

II

Дуьненан йеаъ маьIIе Советски Союза шен аьчка мIаранаш дIатуьссуш, дуьненахь машар къуьссу шатайпа зама яра и. И къовсам хийцалучу кхиамца боьдуш бара: новкъарло еш НАТО пачхьалкхаш яра, къаьсттина Iамаьркан Вовшахтоьхна штаташ. Амма эшамша къовсаман шовкъ дIа ца йоккхура, иза мелхо а алсам йолура. Африкан а, Азиян а, Латинин Iамаьркан а мехкашка вежараллин гIо сацанза дIакхачош дара, дукха хьолахь иза СССР-а Iаламат боккхачу барамехь арахоьцу герз дара. Иштта Советан Iедало царна ахчанца а, тIеман хьехамчийн девнашкахь дакъа лацарца а гIо дора. Бартхоша баркаллица и Iго тIеоьцуш, шайн ницкъ ма кхоччу чоьхьарчу мостагIийн кепехь йолчу «неIалт хиллачу» империализмаца къиссам латтабора. И «вежараллин» гIо саццалц, цуьнца уьйр латтийначу агIонаша «дуьненна машар» Советан Iедалан кхайкхамца шайн жигара къиссам дIахьора. Амма и гIо сецначу мIаьргонехь Советски Союзан селханлера «вежарий» цуьнан мостагIий хилий, сихонца шайн меттамот хуьйцуш капитализмехьа бовлура.

СССР-н арахьарчу политикехь кхин а чIогIа дагахьбалламе гIалаташ а хуьлура, масала Венгрехь, Чехославакехь а, кхин йолчу социалистически пачхьалкхашкахь хилла революциш.
Кхузахь галбаьллачу пачхьалкхан дIахIоттамна шен «вежараллин гIо» Советски Союза ша цхьаммо хилла ца Iаш, Варшавски ЧIагIаман декъашхой йолчу пачхьалкхашца цхьаьна дора. ГIаттам я, революци социализман мехкашкахь къизаллица йохайора.

1978-чу шарахь Советски Союза «машар» бан гIортар бахьана долуш хIаллакьхила бисте кхечира Афганистан. Дерриге а дуьненна дIахьединера Афганистанера хьал Советски Союзан къилбера дозанна кхераме ду аьлла а, иштта СССР «декъазчу» афганцашна халкъана ницкъ беш болчу пачхьалкхан дIахIоттамах кIелхьарадовла гIо дан декхарийлахь ю аьлла а.
Партийн гуламашкахь а, кхеташонашкахь а партис а, правительствос а дина дIахьедар хазахетарца тIелецира къинхьегамхоша. Интеллигенци ша интеллигенци хиларе терра йист ца хуьлуш, оьзда Iаш яра, ткъа наггахь цхьалха диссидента туху мохь дерриге а халкъан хазахетаран цIогIанехь хезийла а дацара.
Оцу кепара дийнна халкъо къобал а деш 1979-чу шарахь СССР шен берриге а тIеман ницкъаца Афганистанна тIелетира, Iедало хьийзош долу цуьнан къам кIелхьарадаккха Iалашо юьхьар а лаьцна. Къиза а, ирча а тIеман зама кхайкхаза хьаша хилла йоьссира Афганистане. БIе эзар маьрша адам хIаллакьхилира, иштта эзарнаш, эзарнаш интернационалисташ-тIемалой а эгнера цу муьрехь. Амма Афганистанна дуьхьал ша долийнарг сий долуш чекх ца делира я советски политикина а, я цуьнан герзана а. Феодализман муьрехь хиллачу Афганистанаца биначу тIамехь СССР эшаран бахьанаш иза дукха ойла ян хьакъ долу чолхе хIума ду.
Кхузахь билгалдаккха хьашт ду цу толамехь куьйг бехкениг уггаре а хьалха ша Афганистанан къам а ду, иштта итта шеран йохаллехь цу къиссамехь царна гIо дина йолу пачхьалкхаш а ю. Ткъа кху сохьта тIом болалуш бен бацара…

Дуьненан ялхолгIа дакъа дIалоцучу Советски Союзан хьаьрмахь хаамийн пропаганда дIайолаелира. Шен бахархойн кхетамна тIеIаткъам бан Iалашонца, пропагандин ницкъ болу машен чухийцира СССР-а. Бакъдерг ала деза, цо шен болх цхьа а шеко йоцуш дика кхочуш а бира. Дош ала башха бакъо йоцу кIезигаха дакъа диссалц, советски адамо Iаьржаниг кIайн а лоруш, цхьаьнаэшшара къобалдира шайн пачхьалкха Афганистанна тIелатар. Цул совнаха, цу тIамехь эгначийн наношна-м хетара шайн кIентий бакъо къуьссуш кхелхина.

Тамаша бацара башха дахаро зийна воцу ИбрахIим а Советан Iедало шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь дуьйцучух тешар. Коммунистически ойланашца кхиийна волу жима стаг доггах тешара шен пачхьалкха адамана зенехь хир йоций, иза нийсонан бухтIехь кхоьллина хиларах. Цунна коьртачу а догIур дацара цкъа а, СССР-а оццул мекара тIелатар дина Афганистанан машар бохор буй. Воккхах волу ваша СаьIид ша кхето гIоьртича иза цунах ца тийшира. ИбрахIимана моьттура цо иза ша ларвархьама дуьйцуш ду. Дагчохь цо дуьйцучух ша реза воццушшехь, ИбрахIима моттаргIа йира вешина нийса хетарг дийр ду ша аьлла. Амма кIанта бина сацам цхьаьнга а хийцалур болуш бацара — ИбрахIим хьаьгна вара Даймехкан декхара дIадала. Иза тешара ша дахар ларда воьдуш хиларах, цунна ца хаьара ша цIий Iано цига воьдуш вуй.

Кху гурахь ИбрахIим эскаре ваха везаш вара. Ишкол чекхяьккхинчул тIаьхьа институте деша ваха цунна ца лиира, хIунда аьлча гуманитарни лаккхарчу дешаран хьукматаш чекхяьхнарш эскаре иштта а кхойкхуш бу. Цуьнан хIетале 22—23 шо хир ду. Ткъа ИбрахIимана хетара хIинца шен йолчу хенахь эскарехь тIеIиттало халонаш лан шена дуккха а аттох хир ду. Цул совнаха, эскарехь ма хуьллу сиха шен дика амалш а гайтина, КПСС могIаре хIотта а аьтто хир бу. ИбрахIима биначу сацамна дуьхьал ала хIума долушшехь, дас а, вашас а новкъарло ца йира цо хаьржинчу некъана.

Ишкол ИбрахIима лаккхарчу кхиамашца чекхяьккхира. ТIаьхьарчу пхеа шарахь цуьнан къаьстина чIогIа спортаца гергарло тасаделира. Дзюдо лелар бахьана долуш, иза хIинцале цу спортан кепехь мастер хила хьакъ волуш вара. Амма цхьа спорт хилла ца Iара ИбрахIиман тидам тIеберзийнарг. Къаьсттина боккхачу лаамца оьхура иза литературни кружоке. Цунна ишта чIогIа оьрсийн мотт а, литература а езаяларехь, шеко йоцуш, «бехке» яра Мария Владимировна.
Цхьаьна дийнахь ИбрахIим доьшуш волчу пхоьалгIачу классе чоьхьавелира ишколин директор, ткъа цуьнан букъа тIехьа а лечкъаш оьрсийн йоI а. Директора берашна йовзийтира Мария Владимировна — церан керла классан куьйгалхо а, оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо а. Ищерски станице Мария Владимировна Астраханера еанера, хIетахь дуьйна цуьнан дахар доьзна хилира Теркана гена йоцуш Iуьллучу нохчийн жимачу юьртаца. ИбрахIим а кхузахь доьшуш вара, хIунда аьлча церан кIотарехь юьхьанцара бен школа яцара, цундела иза дас-нанас кху интернате деша хIоттийра. Мокъа деношкахь бен цIа вар а ца хуьлура ИбрахIиман.
Шо шаре мел долу Мария Владимировнина Нохчийчоьнах доггах безабелла шолгIа Даймохк хилира. Толстойн а, Лермонтовн а, Пушкинан а, говзаршца нохчийн амал а, Iер-дахаран кеп а мелла а шена йовзуш йоллушшехь, юьхьанцара йоьIана хала дара нохчийн дахарах кхета.

Невран кIоштан Ищерски станица Теркана аьрру ийстехь Iуьллура, Соьлжа-ГIалина бIе километр генахь. Йист йоцу похIма долчу суртдиллархочо басарш ца кхоош кечйича санна яра юьртан бIаьстенца сенъелла йогIу и шера аренаш. Цкъа мукъне а кхуза кхаьчнарг тийналло, синтемо йийсаре лоцура. Моьттура, даима а ламанца мостагIех тийссаелла и буьрса Нохчийчоь кхузахь тийначу Теркийстехь садоIуш ю. Адам дара кхузахь меттигера Iалам санна син-паргIатонах дуьзна. Вовшашца кIеда-мерза болуш, цхьаьна дика а вуо доькъуш, бертахь бехара нохчий а, оьрсий а.
Каникулаш йолчу хенахь ишколан администрацис дешартIехь кхиамаш баьхнарш совгIатна Соьлжа-ГIала буьгура. ИбрахIим а хуьлура даима царна юкъахь. Дешархойн чIогIа самукъадолура цу гIуллакхах. ГIалина гена Iаш долу бераш хьаьгна хуьлура Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран и леккха гIишлош а, суьйренца лета чиркхаш а, шуьйра урамаш а, зезагех юьзна некъаийстош а, тIай бухахь сих-сиха болар хуьйцуш, маьлхан зIаьнарш тулгIешца лепош доьду Соьлжа а ган.

Мария Владимировна чоьнах мах луш Тагибат цIе йолу цхьа нохчийн зуда йолчохь Iаш яра цуьнца цхьаьна цу кхерчан йовхонах марзо а оьцуш. Тагибатан хIусамда а, иштта цу школехь доьшуш долу ши бер а дара Iаш. КIант шолгIачу классехь вара, йоI ворхIалгIачу классехь. Къоначу хьехархочун дахар шен хорше дирзинера. Нохчийн амалах а йоьллера йоI. Берийн а, белхан накъостийн а боккха ларам бара цуьнца. Иза ларамза а дацара. Мел кIоргера безамца довзуьйтура цо дешархошна литературин и чулацаме дуьне. Цуьнан корматалла а, шен балхе йолу шовкъ а бахьана долуш, генарчу Нохчийчуьра берашна мел шайна гергара хетара Вальтеран а, Дюман а, Достоевскин а, Толстойн а турпалхойн васташ. Хеталора цуьнан чаккхе йоцуш ду царех лаьцна дийца. Де дийне мел долу марзлора берашна литература. Царна билла бехк а бацара, хIунда аьлча книга йоьшуш а ца кхетара ишта дагах турпалхойн кхоллам, хьехархочо дуьйцуш санна. Вежарийн КарамазовгIеран боьхна барт, Чацкийн шатайпа амал, Безухов Пьеран васта романехь дIалоцу меттиг.
Литературин турпалхойн дахарехь тIеIиттаела киртигаш шайга хьехархочо юьйцуш цецдевлла ладугIучу берийн ойла цигахь яра… генарчу геналлехь. Царех хIораммо а ойла йора цу турпалхочун метта хилча ша-ша хIун дийра дара те. ХIоранна а лаьара иза хьехархочунна довзийта. Цундела классачуьра тийналла наггахь юхура бераша деттачу маьхьаршна:
— Хьажахь, ма кIант хилла и! Ма нийса дина цо и! Ас дийр дара ишта! ХIан-хIан и харц ву!
И гIовгIанаш къоначу хьехархочунна ша бечу балхана уггаре а доккха совгIат хетара.
Кхин долчу берашна санна къаьсттина и Мария Владимировна бахьана долуш езаелира ИбрахIимана а литература. Дуккха а книгаш ешар бахьана долуш кIентан оьрсийн мотт а шарбелира. Ала деза, нохчийн мотт а, литература а Iамор ишколехь тIедожийна хиллехь а, Теркал дехьа, дешаран программи юкъара нохчийн мотт дIабаьккхинера. Ламанца а, лаьмнийн кIажера а ярташкахь, цигахь дукха хьолахь бехаш нохчий хиларна факультативни занятиш дIахьора.
ИбрахIиман ерриге а ойла дIалецира литературас. УьссолгIачу классе волуш цуьнан шен библиотека яра кхо бIе сов книга а йолуш. ИбрахIиман нанас Хедас башхачу дегайовхонца сих-сиха дуьйцура ша пхи шо кхаьчна волу ИбрахIим а эцна гIалитIа базар яхча, мороженое эца шега делла долу ахча а эцна ИбрахIима ведда вахана киоскехь шена берийн киншкнаш эцарах лаьцна.
«Дядя Степа» а, Чуковский Корнейн «Мойдодыр» а… уьш хIинца а ю кхеран киншкийн тарха тIехь, ИбрахIиман нанас безамца дола а деш.
Школехь хьехархоша ИбрахIим даима нийсархошна масалийна валавора. Уьш тешна бара кIанта лаккхарчу дешаран ирхенаш йохур хиларан. Ткъа уьш массо а цецвоккхуш, ИбрахиIма кхочуш до ша ният дина тIелаьцнарг — институтан метта цо эскар хоржу.
ИбрахIима ишкол чекх а яьккхина аттестат схьаэцначул тIаьхьа, цуьнан доьзал шайн дай баьхначу лаьмнийн кIажехь Iуьллучу юьрта дIабахара. КIант берхIиттара велира. Масех бутт биссинера иза эскаре ваха. Дас-м цуьнан ойла кхечу хорше ерзо сатуьйсуш, машен а ийцира. Амма ИбрахIим ша аьллачунна тIера вер волуш ца хиллера. Цо тIетаьIIина кечам бо эскарехь тIеман декхара дIакхехьа. Иза эрна а ца хиллера. Цигахь ма зийра и дахаро, шен ерриге а агIонаш цунна йовзуьйтуш….

















                СИЙ

Йийначу цхьаьна зудчун метта
ЧIирана нохчаша вуьйш хилла шиъ….

I

ХIора а къоман ду шайн цхьанхьа а язданза ламасташ а, юкъараллас тIеэцна дахаран кепаш а. Нохчаша цунах Iадат олу. Iадат иза — дахаран бакъенийн бух а, ламанхойн сий-оьздангаллин а, гIиллакхан а лард ю.

ИбрахIиман йишас Заргана дийхира вешига шеца луларчу юьрта хьошалгIа вола аьлла. Цигахь Зарганан накъост яра маре яха кечам беш. Зарганин хIусамден Мовсаран ша мокъа ца хилар бахьана долуш, аьтто ца белира иза эцна цига ваха, ткъа ИбрахIим хазахетарца реза хилира йишин дехара кхочуш дан. Цунна доккха совгIат хетара шен хьомечу йишина муьлххачу а агIор дог дика дан аьтто балар.
Уьш некъа йисте бевлира. ИбрахIиман хIинца а бакъонаш яцара шен машен лело. ХIара шиъ юкъараллин транспортан социйлахь лаьтташ дара машен кхетаре сатесна. Ткъа дукха латта ца дийзира. Сийначу басахь «Волга» сецира. Водителан уллохь Iаш схьахетарехь гIуллакхехь волу юккъерчу шерашкахь стаг вара. Шен йиша цкъа хьалха охьа а хаийтина, ИбрахIим чухиира машенна. ХIетахь бен ца гира цунна дуьхал долу корайистехь Iаш кхин цхьаъ стаг хилар. Амма машен хIинцале дIайолаелира, цундела тIаьхьа дара йиша сехьа яьккха. Цул совнаха, шайна гIуллакхна машен совцийначу нахана цатешам гайтина вас ян ца лууш, йитира ИбрахIима шен йиша шина боьршачу стагана юккъахь. Ткъа Зарган-м уьйриг санна чIагъIелла, шен ма-хуьллу кIезиг меттиг дIалаца гIерташ, вешина улло теIара.
ХIора а шен ойланан йийсарехь вара. Дуьткъа тай санна кхарна хьалха дIауьдура беха некъ. Амма машенчуьра тийналла дагахь доцучу кепара юьйхира.
Хьалха Iаш волчу стаго цIеххьана схьа а вирзина, Зарганан вовшахдуйцина долчу шина куьйгах цхьа кIоршаме катуьйхира. ХIун бахьана долуш йоьссира цуьнан коьрте и тайпа ирча ойла? Я йоI тIехэсала хеттера, я цуьнан вешин доьналла кIезиг хеттера, я муьлха а хIума шена бекхам боцуш дуьссуш хиларах воьллера? Даржо вахийнера, я сов маларах кхеттера? Хийрачу стеган карара шен ши куьйг схьа а доккхуш, Заргане мохь белира…

«Нохчочо дуьненчохь цкъа а дуьтур доцу хIума ду шен ненах, хIусамненах, йишех хийра стаго ларам боцуш куьйг Iоттар. Нохчий дуьненахь а гIарабевлла бу муьлхха а кхерамна дуьхьал кураллица корта ойуш хиларца. Нохчийн Iадат — иза къоман чоьхьара мах боцу хазна ю. И Iадат лардаро дозаллица ваха бакъо а ло, и Iадат дохийнарг юьхьIаржонан новкъа а волу. Нохчий цкъа а ца хилла кураллина къен. Жималлехь дуьйна хIора а нохчочунна ша «нохчо» аьлла и сийлахь цIе дIакхехьа жоьпаллехь хетта. Иза ю и динан хьолаллаца нийсса, къоман кийрахь син-оьздангалла кхиош йолу исторически мехалла. И жоьпалла ларъя оьшу и «нохчалла» — нохчийн маттахь бен маьIна дан йиш йоцу башха кхетам. Цкъа зовкхе олу вай мел сийлахь ю и Нохчочун цIе, ткъа юха и цIе йицлой, хIумма а бехке ца хеташ, къинош летадо.
Шалхонаш лелаяр иза Дела цхьаъ ца хетар санна ду. Иза догIуш дац бакъ волчу нохчийн къонахчун а, зудчун а вастаца. Дуккхозза йилбаз мох хилла дуьхьал даьллера хийла хIума нохчийн культурина, ламасташна, Iер-дахарна, динна. Тайп-тайпана ницкъаша тIеIаткъам беш, хийла дIасалестийна и нохчаллин гIортор хилла лаьттина дайн Iадаташ.
ХIора а къоман культурин шен башхалла ю. Кхи долчу къаьмнашна ца кхета а тарло и. Нохчийн къоман син-оьздангаллина, цуьнан Iадатана тIекхевдина долу куьйг таIзар доцуш дита мегар дац. Ткъа дикка хан яьлла волчу стагера даьлларг вуно ирча а, цIармат а хIума дара. ЦIий Iанийча бен цIанлур доцу хIума дара цо динарг.»

…Юьхьанцара цу гIуллакхах ца кхетта, воьхна хилла ИбрахIим цIехххьана дера экха санна цергаш юхкуш тIекхийтира цу стеган боьхачу куьйгана, кхин дIа хила тарлучух йиша ларъеш, иза шен дерриге а дегIаца дIа а хьулъеш. Цхьаьна куьйгаца цо киснахь лоьхура тиссало мIара хадо эшахь а аьлла, шеца даима лелош хилла скальпель. Амма иза карош яцара. Вешин хIуманашна иту кхьокхучу хенахь Заргана дIаяьккхина хила тарлора и, оцу кепара цо ларамза лардира шена халахетарг динчунан дахар.
Машен цIеххьашха сецира, вовшашца чуччавахана ши довхо дIа схьа а къастош. ИбрахIима цу мIаьргонехь машенан неI схьа а йоьллуш ара такхийра цу чуьра и стаг. ХIуммаъ бен ца хеташ цуьнан са даккха кийча вара ИбрахIим. Цунна шена а ца хаьара мичара баьлла шегахь адамехь хила йиш йоцу и хьере ницкъ. Хетарехь ИбрахIиман карара дийна а волуш маьршаволийла дацара цу стеган, амма Заргана новкъарло йира. Иза кхераеллера, даима а эсала, комаьрша хиллачу вешин кийрахь бIешерашкахь дуьйна кхолламо зийначу нохчийн къоман амал самаяларна. Шен ховха, жимачу куьйгашца тиссалора Зарган вешех, иза сацо гIерташ. Машен чохь волчо юханехьа чуийзавора шен накъост водителана тIе мохь а бетташ
— ДIаяхийта сиха машен, сихо е! Цо Ахьмад вуьйр ву хIинца!
ИбрахIим цу минотехь къора а, бIаьрзе а вара. Цунна гуш а хезаш а шен боьха мостагIа бен кхин хIумма а дацара. Маьхьарца тIеетталу йиша дIа а теттина, иза юха а тIекхийтира, нохчалла охьайиллиначунна, цуьнан дахар ши капек мах доцийла хууш. Цхьаьна куьйга и машеначуьра ара а текхавеш, важа куьйгаца цунна юьхьа тIе саццанза буйнаш доьттура ИбрахIима. Шен ма-хуьллу тиссавелира иза, амма юха ницкъ кхачийна, машен буха ваханза волуш, гIора дIадаьлла некъа тIе охьавуьйжира. Ша корта хьалаойбуш, цуьнан бIаьрг кхийтира сихъелла дIайоьдучу машенан пачхьалкхан регистрационни лоьмарашах. 90 44 ЧИС — шеко яцара машен пачхьалкхан гIуллакххойн хиларан.
Дог Iийжара, лозура, доьлхура. Лан ницкъ боцуш халахетара и сийдоцу хIума бекхам боцуш дIаяхийтарна. Муха хьажа веза хIинца ден а, ненан а бIаьра? ХIун ала деза йишин хIусамдега, вежаршка, кхи болчу гергара нахе? Сингаттаме ойланаша борзморзахан багахь болуш санна къуьйлура корта. Де доьхна лаьттачу ИбрахIимана ца хезира шайна уллохь киранан йоккха машен соцуш. Машенан шофер хетарехь цхьа пхи шо валахь кхин воккха вацара ИбрахIимал.
— Сиха чуховша! — мохь туьйхира цо, неI схьа а йоьллуш.
Новкъахь цо дийцира шена кхузахь дукха хан йоцуш хьалха хIоьттина сурт гинера, шуна гIо оьший кхетта, цундела сецнера ша аьлла. ИбрахIима иза шена нисвелла хазахетар къайла ца деш, ма-дарра ша дерриге а дIадийцира.
Цуьнга леррина ла а доьгIна, жима стага доггах элира:
— Геннара гира суна машенчуьра цхьаъ охьаваккха гIерташ тиссалуш волу хьо а, хьуна улло де доьхна уьду жима зуда а. Кху минотехь дуьйна хьуна вошалла дан кийча ву-кх со! Шек ма вала хьо! Вай сиха тIаьхьакхочур ду царна.
ИбрахIимна-м хIара накъост шена Дала цIеххьана доссийна гIо хетара, амма хIете а ца лаьара нехан стаг доккхачу девне юкъаийзо. Цо дийхира цуьнга машенна тIаьхьакхиъначул тIаьхьа шайн гIуллакхна юкъа ца гIертаре. Некъ беха хиллера. Жима стаг къамеле велира ИбрахIимца. ИбрахIиман а, Зарганан а да-нана девзаш хилла цунна. Цаьрга болчу ларамо кхин а чIогIа марсайохура жима стеган ойла. Шен ма-хуьллу тIетаIайора цо машен, цуьнан берриге а ницкъаш схьаIовда гIерташ санна. Сийна машен а дукха ца Iаш гучуелира. Уьш цхьаьна юьрта чукхечира.
Цу хьалха Iуьллура аьчка некъ. Семафоран цIе стогар схьалалетира. ИбрахIимна орцанна санна, геннара схьахезачу гIовгIанца хьаьдда йогIура цIерпошт. «Волга» ца ларийра цул хьалха аьчка некъал дехьаэккха. «Волганца» цхьаьнаэшшара сецира киранан машен а. Зарган маьхаьраца юха а тиссалора шен вешех и сацо гIерташ, амма ИбрахIим «Волгина» тIекхаьчна ваьллера, цунна тIаьхье монтировка а карахь ведда вогIура цIеххьана ИбрахIимна нисвелла накъост а. ИбрахIима машенан хьалхара неI схьа а йиллина, Ахьмадан юьхьтIе ластийна буй туьйхира, ткъа цул тIаьхьа иза машенчуьра ара а такхийра. Ахьмадан схьахетарехь 40—45 шо хир дара. Деза духарах а, леррина йихкиначу галстуках а гуш дара иза Iедалан лаккхара даржехь хилар. Шен некъахочун гIо даккха машенчуьра цхьа стаг охьаиккхира. Шен цIе Рахьим ю аьлла ша вовзуьйтуш, цо дийхира ИбрахIиме зулам ма дахьара ахь аьлла, хIунда аьлча цуьнан тIаьхьало кIантана ирча хир юй хууш.

— Хьо мила ву кхуьнан? Жоп ло? Мила ву? Гергара вуй? Вацахь дIавала сунна новкъара. ХIара стаг ша диначунна жоп дала дезаш ву.
— ХIан-хIан! Гергара вац. Тхойшиъ цхьаьна болх беш ву. КъинтIера валалахь. Жимма маларах кхеттера иза, цундела даьллера цуьнгара иза. Юха дистхила мегаш ма ду вай. Ас адрес дуьйцур ду хьоьга…
— ХIун адрес? Ас юстах вала боху хьоьга, хьайна бала а ца беш, — тIе мохь туьйхира цунна ИбрахIима. Цу мIаьргонехь цIеххьана кIентан бIаьрг кхийтира дагахь доцучу кепара гучуваьллачу мостагIчунна тIехьашха тебаш волу киранан машентIера шен накъост. Цу минотехь некъайисте сецначу машенчуьра охьаиккхира ИбрахIимца цхьаьна классехь дешна волу, цуьнан лулара Iела. Гонахара хьал кIеж туьйссуш догIу ламанан ахка санна кхехкаш дара. ИбрахIимана гуш дара шен доьзална тIедеанчу вуоне ша ларамза юкъаийзош нехан нах хилар, ткъа цо кхин а чIогIа йохайора цуьнан иштаъ панаевлла ойланаш. Коьрте тессира дас дина хьехар: «Даима дагахь латтаде! Хьо дера волчу минотехь еана оьгIазло цкъа а юьссур яц тIаьхьало йоцуш. Цуо маца ваьккхина а дохко воккхур ву хьо. Хьан деган а, кхетаман а баьллачу къиссамехь толам собаре баккхийта хьажалахь».
ИбрахIимна ша жоьпалле хийтира киранан машен лелош волчу жима стагах а, шена ваша хилла улло хIоьттиначу Iелах а. Луьралла дIаелира, цуьнан метта кхолладеллачу хьолан кхетам беара. Терзан тIе диллинарг йишин а, цуьнан хIусамден а, ИбрахIиман берриге а доьзалан а, тайпанан а, тукхуман а сий ду. Цу сийнна тIекхевдинарг бекхам боцуш вита йиш яц. Амма нехан нах бехке бац, уьш чот йоцучу зуламан бисте бига хьашт дац. Дас диначу хьехаре хьаьжжина, кху къиссамехь собаро баьккхира толам. ТIаьххьара шеконан чан шена тIера охьаэгош санна, ИбрахIима юхь-дуьххьал шен мостагIчуьнга а хьаьжна элира:
— Нагахь санна хьоьх жимма а боьршалла йиссинехь, хьо кхета веза айхьа диначун барамах! Мичахь хир ву хьо? Мичахь лаха ас хьо? ХIетахь, вайшиъ цхьанакхеттачу дийнахь кхолламо къастор ду сий дайна дуьненчохь мила вехар ву, я ваххане а вехар вац. Суна ца лаьа тхайна хийра болу нах вайшиннах бен хьакхалуш доцучу гIуллакхна юкъаийзо. Амма хьуна дIахаийла! Хьо милла а валахь а, хьо миччахь а валахь суна — Тасуев Заурбекан кIантанан карор ду хьо сий доцу жIаьла! Сан кхиэлах, сан бекхамах хьо кху дуьненчохь кIелхьара а вер вац.
Дегочу моччахалца, цIийлуш, кIайлуш лаьттара Ахьмад. Ткъа юьхьатIехь ИбрахIима диттинчу буйнашах йиссина таммагIаш яра гучуюьйлуш.
Юха а къамелана юкъаиккхира Ахьмадан некъахо.
Киснара кехатан кийсиг схьа а яьккхина, цу тIе цхьаъ дIа а яздина, иза ИбрахIиме дIа а кховдош, меллаша вистхилира иза
— ХIара дар-дацар дIадоьрзур ду… хIуммаъ дац…
— Хьо-м вац соьца и дIадерзо лууш, хIан? — цуьнан дешан юкъаиккхира ИбрахIим, — нагахь санна валахь юьстахвала — ас гойтур ду хьуна дар-дацар дIа муха дерзадо. Нагахь санна вацахь, яхийта кхузара массара а, со дохковалале! Мацца карийна а, шу массо а каронза Iийр вац со!
Чубуза кечбелла малхо шен зIаьнарш яржийра сийначу стиглахь. Шаьш юьхьарлаьцна некъ-м Зарганна а, ИбрахIимна а бицбеллера. Киранан машентIехь хиллачунна баркалла а аьлла уьш дIасакъаьстира. Iелас цIакхетийра Зарган а, ИбрахIим а.
Синтем бойна буьйса тIекхечира. ТасуевгIеран хIутIера гIаж таккхол мел верг гIаьттинера.

Сатассале арабевллера сийна «Волга» а, цу чохь хилларш а лаха. ИбрахIим воккхах волчу вешица СаьIидца республикин центральни ГАИ вахара, амма цигахь хIорш цецбохуш элира 90—44 ЧИС лоьмараш йолу машен а, кхи йолу техника а республикехь регистрации йина яц аьлла. Зуламхоша шайн лораш лечкъош дика къахьегначух тера ду. Адрес а ца хиллера нийса.
ДоьалгIа де дара ТасуевгIара уьш лоьху. ДоьалгIачу дийнахь СаьIидан бIаьрг кхийтира Соьлжа-ГIалин цхьаьна урамехь некъо гола туххучохь, дIаиккхина йоьду «Волга». СаьIида сихонца тIаьхьахехкира цунна машен. Лоьмараш цхьаьна терахьца бен къаьсташ яцара: 90—45 ЧИС.
Нагахь санна 90—45 хилча, ткъа 44 а хила еза-кх, республикин центральни ГАИ-н инспектора харц тоьшалла динехь а — дагатессира СаьIидана. Цо машенна тIаьхьа а кхиъна, иза фараш сегна, сацийра. ИбрахIимца цхьаьна иза машенчуьра охьа а воьссина «Волги» тIехь волчуьнга вистхилира:
— ДоттагIа! цхьа хIума хатта мегар дарий хьоьга?
90—44 ЧИС лоьмараш хьенан ю-м ца хаьа хьуна? Оцу накъоста шен тишъелла аккумулятор лур ю аьллера соьга, тхойшиъ машен юьлучохь вевзинчу хенахь.
— Вай хаьа дера! Оцу машенаца дIасалелаш сан доттагIа Виталик ву. Оха шиммо цхьаьна Горьковски автозаводера ялийна а яра и машен, цхьаьна гаражехь болх беш а ву тхойшиъ, Райкомера белхалойн хьашташ кхочуш деш. Цо Ахьмад ву дIасалелош — райком-партин шолгIа секретарь. Тхан «Автокомбинат» цIе йолу гараж Заводски кIоштахь ю, ша Виталик Ленински кIоштахь вехаш ву — Ливандовски урам, цIено 29.
ТасуевгIеран дагахь доцучу кепара аьтто белира. Суьйре тIе а кхачале карийра Виталик. Вежарша схьаалийтира цуьнга шен куьйгалхо мичахь Iаш ву. Ахьмад Соьлжа-ГIалин центрехь вехаш хиллера. Туьйсина дина лекхачу кевнаш тIехьара гуш дара ши гIатт йолу доккха цIено. ИбрахIима ков туьйхира. Дуьхьал буьрса летира жIаьла. Кевнан херонашна юкъахула ИбрахIимана гира корах арахьоьжу, берхIиттараяьлла хила тарло, тайначу аматехь цхьа йоI
— Мила ву цигахь? — хаьттира цо.
— Тасуев ИбрахIим ву! Деа когахь долу хIара жIаьла саца а дай, Ахьмад цIе йолу шина кога тIехь долу шайн жIаьла арахеца.
— ДIадовла дIагIо! ЦIахь цхьа а вац. Ас хIинца милици телефон тухур ю!
— Шайн жIаьлига дIаалалахь ас шен цIогантIе ког баькхиний…

Вежаршна шайн цIахь гулделла ТасуевгIеран тайпанера дукха адам гира, иштта Зарганан марзхой а баьхкинера.
Заурбек волчура схьахезара дехха къамелаш. Массара а дийцаре деш дара кхи дIа Ахьмадана хIун дан деза а, муха кхиэл ян еза цо динчунна а.
ЙоьIаца, зудчуьнца и тайпа сийсаза хIума дарна Iадато ма-бохху хила еза кхиэл — бехке волчунна тIера нуьцкъара хеча йоккху, я цо ша шен бехк тIелоцуш массарна а хьалха шен хеча охьайоккху, оцу кепара ша велла дIаваллалц шен а, шен тукхуман а сий дайар билгалдоккхуш, я цо диначунан бараме хьаьжжина и тайпа зулам цуьнан йишина я, йоьIана, я кхин гергара зудчунна до. Амма Зарганан марзхой реза бацара, тIеIоттаделларг къастор шайна тIехь ду, цундела юкъа ма гIерта бохуш. Ткъа ИбрахIима жоп делира:
— Хилларг сунна хьалха хилла ду, со цунах жоьпалле волчу хенахь. Шу цунах жоьпаллехь иза шайн доьзалан гуонехь, шун чохь йолчу хенахь ду. Шун доьналла, шун яьхь охьатаIо ца гIерта со, амма хиллачунах бекхам эцар шуна тIедожо ца лаьа суна и бакъо тхан доьзалан санна шун а йоллушшехь. Коьртаниг ду вайна бехкениг карор, вайна иза мила ву а, мичахь Iаш ву а хууш хилар. Нагахь санна советан Iедалан законашца и кIелхьара вала дагахь валахь, цуьнан аьтто бер бац. ЙоI шен цIахь Iийр ю, сан доьзала и гIуллакх къастолц. Оцу тайпа сацамца сан да реза а ву. Нагахь санна шуна и тайпа эхь тIедеана аьлла тхан йиша шайн хIусамехь ган ца лаахь, шух кхетта оха и тIе а лоцур ю.
Зарганан марзхой реза хилира цу къамелана. Заурбека массарна а баркалла а аьлла дIасабаха пурба делира, Iуьйренца ван аьтто болуш верг, вовшахкхетар ву аьлла.
Зарган шен нана йолчура ара йолуш а яцара. Масех де дара иза юучух ца кхеташ, гIайгIане йоьжна йолу. ГIайгIанан йийсарехь церан нана Хеда а яра. Ненан дог барам боцуш лозура берех, хIусамдех, кханенах.
КIоргерчу буса дIадайра Заурбекан хIусамехь чиркхаш, амма вижанза шиъ вара.
II
Дукха Iуьйрре ИбрахIим самаваьккхира шайн кертара схьахезачу шатайпа гIовгIано. Корахула арахьаьжча цунна гира кхуьнан деца а, СаьIидаца а, кхин болчу гергара нахаца а, аз айдина къамел деш, хан яьлла масех стаг. ИбрахIим сиха аравелира, амма хIара ара воллушшехь хьеший Заурбекаца а, СаьIидаца а цхьаьна кхеран кертахь долчу шолгIачу цIеночу бахара. Цаьрца цхьаьна чоьхьавелира ТасуевгIеран тайпанара масех къано а. ИбрахIиме дийцира баьхкинарш Ахьмадан гергара нах бу аьлла.
Дикка хан елира ИбрахIим Заурбек волчу чукхайкхале. Хьешан цIачохь кхуьнан да а, масех гергара стаг а, иштта Зарганан марзхошах нах а бара. Ден юьхь кхоьлина яра. СаьIид а вара оьгIазвахана вуйла гуш.
ИбрахIим кхийтира къамел шегахьа доцуш дIадирзина хиларах.
ДIахIоьттина тийналла йохош, дийкира ден аз:
— Хьадийцал хIинца хIун ду ахь динарг? Муха бехказа вала воллу хьо кху масех денна юкъахь айхьа мел диначунна? Цхьа а бахьана а доцуш нехан стагана йиттина ахь, вайн дерриге а тайпа а гIаттийна, цунна тIаьхьаваьлла лелла — Заурбек емалдарца хьоьжура кIанте.
— Ас кхин цкъаъ ма-дарра дуьйцур ду хилларг — волавелира ИбрахIим.
— Ца оьшу! Ма-дарра соьга дийцина хьоьл хьекъале а, хьоьл чIогIа кху дуьнено зийна а болчу наха. Со царех теша. Хьо берана къонахех ловза лиънера? Йишин ойла ян а ца йинера ахь? Ца йинерий? ЧIир леха дагадеанера хьуна? Хьуна чIир хIун ю мукъне а хаьий?
— Ишта оьгIазе ма хила цуьнца Заурбек, — юкъагIоьртира къамел дохьуш веанчарех цхьаъ. Жима ву, амал чехка ю. Галваьлла, хуьлуш хуьлу. Коьртаниг ду вай Делан къинхетамца вовшахкхетар. ХIара пайда боцу хIума бахьана долуш, доккха зулам долура вайна юкъахь.
Жимма корта а оллийна, корах арахьоьжуш лаьттара ИбрахIим. Церан кертахь дукха адам дара гулделла, дукха хьолахь уьш массо а ТасуевгIеран гергара нах бара. Республикин дозанал арахьа бехаш болу ИбрахIиман ненахой а, дехой а баьхкинера, оьшучу меттехь гIо лаца а, тIаьхьа хIотта а. Дикка хан яьлла берш а, къона берш а уьш цхьаъ цхьанна тIаьхьа чуоьхура. Чоь-м готта яра уьш массо а тIелаца, цундела сацам хилира къамел арахь дан. Къаношна охьаховша гIанташ делира, ткъа кегий нах цаьрга леррина ладугIуш лаьттара.
ИбрахIим массарех схьа а къаста вина, гулбеллачеран гуоне юкъаваьккира. И ша цхьалха лаьттара, харцахь леларна чехо дIахIоттийна бер санна.
КIентан алу хилла йогучу юьхьтIе хьаьжча гуш дара, баккхийчу нахана хьалха собарах ца воха гIерташ, мел кхехкаш бу цуьнан кийра. Кхехкара цIий а, ишта а хьере йолу ойланаш кхин а чIогIа карзахйохуш. Лаге хIоьттина шад а бара, кхуьнан доьхначу собаран теш хила кечделла бIаьрхиш шена чохь къуьйлуш. Цо гIиллакхах ца воха, дагчохь доьхура Деле и собар. Гуо баьккхина лаьттара шортта адам, цIеххьана ИбрахIиман бIаьрг кхийтира Абу-Хьаьжих. Цо тIеIаткъам бинера Заурбек чIирхошца куьйге вахарна а, ткъа хIинца юха а заманан майданахь кхеран доьзалан дахарехь маьIне дакъалацар тIедожийна цунна Ахьмадан гергарчу наха. Царна хаьа Абу-Хьаьжи юкъараллехь муха ларам болуш, муха цIе лелаш стаг ву, цундела Заурбек цунна дуьхьал вер вац. Цунна а, кхузахь вовшах мел кхеттачу адамна а, нохчийн бIешерашкара схьадеана Iадат дохош, нехан зудчух, нехан йоьIах боьхачу ойланца куьйг Iоттар, пайда боцу дар-дацар а дина тIедаьхьна.
— ИбрахIим хIинца а жима ву, дахаран чам кхетта, дахаро човхийна вац, цундела ларамза хилла хIуманах, цунна шен доьзална тIедеана доккха эхь хетта — бохуш дуьйцура Ахьмадан гергарчу нехах цхьаммо.
— Ахьмад жима маларах а кхетта, хьалха Iаш хиллера, водитель Iаш волчу машенан гIантана тIехула пхьарс а баьккхина. КIаьгнаштIехула йолуш машен кхоссаелча, цуьнан малделла куьйг йоьIан куьйгах ца хууш жима хьакхаделлера. Ткъа цIий чехка ИбрахIима иза шен йиша сийсазян гIортар, цунна тIе ницкъ бан гIортар санна тидинера. Амма нагахь санна ларамза хилларг ИбрахIима шайна тIедеана эхь санна лоруш далахь тхо шуна хиллачу васах мах дIабала а реза ду — нахана юкъахь реза ца хиларан гIугI хезира, ткъа хьашас иза тергал ца деш шен къамел дора — тхо кхета жима къонахчун дегаллех, сонталлех, цундела вайна юкъахь машар баран некъа тIехь хьалхара гIулч яьккха кийча а ду, богIу мах дIалуш. Иза цхьаъ ду! Ткъа шолгIаниг — цу хьокъехь муьлхха а къамел тхо цу зудчун марзхошца дан реза ду, хIунда аьлча иза церан цIентехь ю. Ткъа оха тхайн рогIехь цуьнан хIусамден дерриге а тайпанна хьалха КъорIан тIехь дуй буур бу цу зудчун леррина сий дайа, цунна ницкъ бан тхан стеган Iалашо ца хиллера аьлла. Цундела шу — цу йоьIан гергара нах оха цу гIуллакхах мокъа дуьту. КхозлагIниг, коммунистически партин лаккхарчу даржехь волчу стагана еттар Iедале ца даккхар а оха тхайна тIелоцу. Цуьнан могашаллин зен хиларан лоьраша дина тоьшалла а ду, цул совнаха шиъ теш а ву.
Нахана юкъахь соцунгIа хилира. Ткъа юха Зарганан мардас дош дийхира:
— Масех шо ду Заурбекан йоI сан хIусаме еана. Оцу кепара хIетахь дуьйна тхан доьзалшна юкъахь гергарло ду. Зарган сунна нус хиларал совнаха, йоI санна дукха езаш ю. Цуьнан догцIеналла, цуьнан оьздангалла суна дика евза. Таханлерачу дийнахь ас дукха хIума дIалур дара хIара киртиг тхуна тIехIоьттина ца хилийта. Нагахь санна Заурбека хаIра гIуллакх къасторан урхаш соьга а елла, ас уьш юхаузур хиларах шу сатуьйссуш делахь, иза эрна ду шуна. Заурбека бина болу муьлхха а сацам, ас а, сан доьзала а бинарг санна тIеэца дезар ду шун.
— ТIаккха Заурбеке ду-кх дош — элира Ахьмада векал вина ваийтиначу къаночо.
— ХIан-хIан! — реза ца хилира Абу-Хьаьжи — нийса хир ду вай цу хьолан теш хиллачуьнга ладогIахь. Кхи болу тешаш ИбрахIима шен йишин сий лардеш, шен йишех куьйг Iоьттиначунна еттар бен гина боцуш санна лелаш бу — гуш дара цо Заурбекан доьзалан агIо лоцуш хилар, ша Ахьмадан векал воллушшехь.
Эрна ца хилла Абу-Хьаьжин юкъараллехь ишта дика цIе яккхар, цунна ШарIаца а, Iадатаца а доьзна дерг даима а сийлахь а, деза а хеташ дуйла бохуш халкъалахь дуьйцуш хилар.
Къамел муьлххачу хорше дерзахь а, СаьIид тешара шен вешех, иза жима валахь а цуьнан доьналлех а, цуьнан кхетамах а. Иза меллаша ИбрахIимана улло а вахана, цуьнан букъа тIехьа дIахIоьттира, оцу кепара ша цуьнгахьа хилар кIантана хоуьйтуш. ИбрахIим къайлах шен дега хьаьжира, цуьнан дагчохь дерг бIаьргашчохь деша гIерташ. Цу мIаьргонехь Заурбек а хьаьжира кIанте, ткъа бIаьргашца цо хоьттура:
— ХIун де вай хIинца?
— Дика ду! Баркалла шуна вистхила пурба даларна…
— Ма-дарра дийцалахь, вах ца луш! Бакъ дерг бен а ма дийца! — ИбрахIиман дешана юкъаиккхира Абу-Хьаьжи.
— ТIаккха сунна уггаре а хьалха Ахьмадан векалш хилла баьхкинчу къаношка вистхила лаьа, — долийра шен къамел ИбрахIима — нагахь санна шайн гергара стаг шайна бехке хеташ ца хилча, шу хIунда баьхкина кхуза? Шу хьан кхайкхинера? Собар хIунда ца дира аш тхайна шу карабалц. Ма-дарра аьлча, тхуна-м шу карийнера. Бехке воцург бехказа волуш ца хуьлу. Цул совнаха аш вайн къомана юкъахь дош лелаш волу Абу-Хьаьжа а валийна, сан доьзал цунна дукха хIуманна декхарийлахь буйла хууш.
ТIаккха шу дика кечам а бина баьхкина бу-кх.
Ишта ойла кхоллало схьагучу суьртах. Шуна шайн гергарчу стаго дийцинарг бен ца хаьа, амма АллахI Дела ву теш — суна дика хаьа сайн шина бIаьргана гинарг, сан йишин шина бIаьргана гинарг, кхин а шина тешан бIаьргашна гинарг. Суна цкъа а дицлур дац и сурт а, цу дийнахь, цу мIаьргонехь ас а, сан йишас а лайнарг а. Амма хIете а цхьа бакъ ду — таханлерачу дийнахь суна дуккха а аттох ду шуьца хIара къамел дан а, кхузахь латта а шуначул, хIунда аьлча бехкениг цIанва халох ду, бакъ дерг дуьйцуш лаьттачул.
Суна шуьх къахета! Сан а, сан доьзалан а тахана нохчалла охьайиллина волу тхайн стаг нехан нахана хьалха цIанва гIерта ца деза, цу боьхачу гIуллакха юкъа Абу-Хьаьжа санна наха лоруш волу стаг а ийзош.
Цундела шу тахана тхуна а, Далла а хьалха юьхьIаьржа ду. Амма нагахь санна шуна Ахьмадан бехк ца хетахь, цуьнан коьртачохь боьха ойланаш ца хиллера бахахь, шу цо дийцина долу харц дерг бакъ деш КъорIан тIехь дуй баа кича делахь, тхо и дуй теIэца кийча ду, амма кхечу хоршехь. Вайн Iадато ма-бохху, аш кхана, Ахьмадан уггаре а гергарчу нахаца кхузахь мел долчу адамна хьалха Сийлахь дезачу КъорIант1ехь ишта дуй баа беза, — нагахь санна шайн йишица, я шайн тайпанара зудчуьнца хIара кеп хIоттийча, тхуна иза тхайн сий дойуш, эхье хIума хетар дацара аьлла…
И дуй бианчул тIаьхьа, ас а, сан доьзала а шун бехказа довлар тIеоьцур ду. Нагахь санна шу ас аьллачуьнца реза дацахь, тIаккха шун Ахьмада шена тIера хеча яьккха еза, ша бехке хилар а, шена тIедогIу эхь а тIелоцуш. Нагахь санна цуьнца а шу реза дацахь, тIаккха Ахьмадан доьзалера, я шайн тайпанера зуда, я йоI сийсаза яйта схьало. Амма нагахь санна ас бовзийтиначу цу кхаа билламах шу реза дацахь, тIаккха тIахьара шинах цхьаъ оха нуьцкъара кхочуш бийр бу. Ас Делаца дуй буу вай куьйге баха а, вайна юкъахь машар хила а кхин агIо яц шуна.
Тхуна шаьш дала арадаьккхина долчу ахчанах кхечанхьа пайда эца. Кхузахь аш царех дан хIума дац. Оха зудчун сий духкуш я, оьцуш лелийна дац. Тхайн зударийн сий божарийн дахарал дезох хетта тхуна.
Кху хIусамехь тIаьххьара дош дегахь хуьлу, амма со тешна ву заманан йохалла цо шен тIаьхье сий дайна яха юьтур ца хиларах.
ИбрахIиман къамело Iадийнера гулделла адам. Цуьнан къоначу кийрахь дехачу цу кепара лаккхара доьналло цецбаьхнера хIара дуьне кIордоллалц диъна, хийла замано зийна болу къаной. Олхазаро тоьхна тIам а хезар болуш тийналла хIоьттира цу кертахь.
И тийналла йохийра Ахьмадан векал хилла веанчу къаночо
— Нагахь санна кхин совнаха хьекъал а, кхетам а болуш нах кхузахь бацахь, суна бIегIийла ца хета кху сонтачу жимхаца хIара къамел дан. Амма дIахаьийла шуна! ХIара тайпа къамелаш оха дойтур дац. Шуна дицделлехь а, дагадаийта лаьа суна — вай Советски союзехь дехаш ду, цуьнан Iедало ма-бохху закон а лардеш…
— ТIаккха, СаьIидбек, хьо советан Iедалан векалшца ван везаш хиллера, соьца а ца вогIуш, — ша реза ца хилар гайтира Абу-Хьаьжас, — Жимачу стага нийсонца догIуш бовзийти шен доьзалан лехамаш. Амма со дахарехь дукха зеделларг долуш стаг ву, айса дуьненчохь яьккхинчу хенан лакхенца дустича хIара кIант сонта вац шуна, цо дуьйцург нийса а ду шуна! Нагахь санна цIий Iана шайна ца лаахь, цуьнга ладоьгIча дика хир дара аш а, вай массара а.
Вайна массарна а ма-хаьъара Заурбек нехан стаг вийна, чIир хьаьрчина вара. Ша чIирхоша витина воллушшехь, цунна товш дац Iадатаца доьзна къамелашкахь дакъа лаца.
Сан цуьнца болу ларам кхин а чIогIа алсамбаьлла, цо хьуна дуьхьал дош ца аларна. СаьIидбек, кхетаве и эхь-бехках воьхна волу Ахьмад ша диначунна жоп дала дезаш вуй, шайна тIехь долу декхара кху доьзална дIа а ло.
Нохчаша цхьаьна зудчух ши стаг вуьйш хилла чIиранна. Шуна харжам бан аьтто белла! Амма со тешна ву хьалхара билламах — КъорIанах дуй баийтар шуьга шу тайпанера цхьа жима мукъне а яьхь йолчу наха пайда оьцуьйтур бац, хIунда аьлча и дуй баарца аш шайн зударшна тIекховда бакъо ло хьанна а. Ас делла и хьехар соьгара совгIат лара мегар ду шуна. Ткъа хIинца бахьана даьллачура кхуза вовшахкхеттачу кегийчу нахе хьехам беш, масалийна цхьа дийцар дало лаьара суна:
— Цкъа мацах ламанца Iаш цхьа къен жима стаг хилла. Цхьаьна оьздачу доьзалера йоI езаелла хилла цунна.
ЙоIа дош дела хилла кIанте йогIур ю ша аьлла. Амма церан ирсана дуьхьал кхин цхьа стаг ваьлла. Жималло, хьал долуш хиларо сонта ваьккхина иза Iемина хилла даима шена езарг яьккха. Цо дукхозза а захало тIехьош хилла цу йоIана, амма хIоразза а йоI ехна ю, дош делла ю олий жоп догIуш хилла дуьхьал.
Цкъа талла ваханчохь йоьIан везар тархатIера тассавелла бердах чуиккхина хилла, шена тIаьхьа инзаре даккхий тIулгаш чу а эгош. Цу тIулгаша тIетаIийна Iуьллура иза бердан бухахь. Цхьа ког тIулгаша юкъаIевшинера, ткъа куьйг аьтта, дерриге а дохийна дара. Шен езаре болчу безамо ницкъ лора цунна дахарах тийссавала а, диканах дог ца дилла а. Шаьлта тоьхна кхоьссина дIадахийтира цо тIулгаша дохийна куьйг а, ког а. Шен са ма-дду тийсалуш схьалавелира иза цигара, амма заьIап виссинера. КIанта йоьIе йолу ойла хийцира. Цунна ца лиира шен езаран дахар заьIап стаг лелош кхоло. Цо геланча вахийтира езар йолчу иза шен безамах ша мокъа юьту, кхечуьнга маре яха бакъо луш аьлла хаам эцна. Амма йоьIан ойла хийца ца еллера, цо дуьхьал жоп даийтира ша цуьнга йогIур ю аьлла иза мухха велахь а. Цул тIаьхьа цхьаьна дийнахь шовданера хи эцна йогIучу цунна дуьхьал велира хьол-да. ЙоьIан куьйгах кIоршаме ка а тухуш цо элира:
— ХIинца-м соьх яьлла цхьанхьа а гIойла дацара хьан! Ас хьо сийсаза йина — ас куьйг Iоьттина хьоьх, цундела соьга бен маре гIойла дац хьан цхьаьнга а.
Оцу мIаьргонехь шена тIекхевдинчун хантIехь кхозуш хилла шаьлта схьа а яьккхина, цуьнца тоьхна шен куьйг дIа а доккхуш, йоьIа элира:
— ХIинца со цIена ю! Ас ца йити сайн дегIатIехь сийсаза хилла меже…

— ХIай, адамаш! Дагахь латтаде шайна, цхьаьна Iилманчас ма-аллара хьарам долчунах ларлуш дуьненчохь ваха мел хала делахь а, амма цунах хин йолу ял оза терза карор доцуш еза ю шуна. Ойла е, адамаш! Ларло хьарам хIуманах! — дерзийра шен къамел Абу-Хьаьжас.
Юха а тIекхечира буьйса. Массо а дIавахара.
Заурбекан доьзалехь юха а вижанза шиъ вара. Заурбек вехха Iера шен жимох волчу кIантаца, цунна хьехамаш беш, КъорIан доьшуш, цуьнан доьхна дог оьцуш. Буьйса юкъаяьлча бен дIа ца вахийтира цо иза садаIа.
Шена тIехь йолчу хIуманашца дIатеIира ИбрахIим. Схьадиллиначу корахула хьоькхучу аьхкенан мелачу мохо ховха хьоьстура цуьнан йогу юьхь. БIаьргаш дIа а хьаббина вехха Iиллира иза. Цхьа шатайпа синтем боьссира кийра. ЮхьатIехула охьахьаьдира дуьрачу бIаьрхин тIадам. Хеталора цу жимачу тIадама хIордан тулгIено санна шеца дIахьо кху масех дийнахь дагчохь даш санна базбелла лазам. ИбрахIим кхетара кху гIуллакхан хIинца а йистяьлла йоций, кханалера Iуьйре а шеца гIайгIа яхьаш йогIур юй, амма иза кийча ву кхолламан Iовжорах кхин цкъаъ чекхвала. Хеталора кху цхьаьна буса дахаро зийна, жималлин мур дIабаьлла, иза гIеметтахIоьттина.
Кху буса деца хиллачу къамело керла ницкъ а, кхин а сов доьналла а деллера кIантана. Ткъа ИбрахIима тахана гулбеллачарна хьалха диначу къамелан хьокъехь вистхуьлуш, дас элира:
— ИбрахIим! Хьо чов хилла экха санна лаьттара цу нахана хьалха. Адаман сибаташкара боьхна нах цхьогалшах тарло, шайна дуьхьал берзалойн сибате бирзина нах бевлча. Цундела дахарехь муьлхха а киртиг тIехIоьттича, адаман кепера ма вохалахь, адамалла ларъелахь хьайгахь!
Ца кхоьруш ваха лаахь, вала а ма кхералахь.
III
Юха а йоьссира Iуьйре, лаьмнийн кIажехь Iуьллучу юьртана тIехула шен сийналла яржош. Заурбекан кертахь юха а гуллуш дара адам. Хилларг цхьаьна маIьргонна мукъне а дицдан гIерташ, дезарш деш дIасхьауьдура Хеда. Шен доьзална ша бахьана долуш эхь тIедаарна ойла йоьхна Зарган, нана йолчура ара йолуш а яцара.

Заурбекан хIусаме боьду и шуьйра урам дIалаьцнера схьаоьхучу гергара наха а, юьртхоша а. Хилларг сихонца дIасадаьржинера халкълахь. Массарна а хаьа лаьара муха дIадоьрзур ду хIара гIуллакх, муха сацам бийр бу дагахь доцург дуьхьал даьлла, хIара чолхе киртиг тIехIоьттинчу шина тайпано, шина доьзало. ЦIенна хьалха йолу жима майда еса лаьттара коьрта турпалхой вовшахкхетаре хьоьжуш санна. ИбрахIим шен нийсархошна жима юьстах а ваьлла дIахIоьттира, корта охьа а бахийтина. Леккхачу дегIахь, мел хаза товш вара и массарна а юкъахь къаьсташ. Селхана-стомара бер санна хилла иза, тахана вуьззина къонахчун васт дара цуьнан. Даима самукъне къегаш хилла цуьнан и ши бIаьрг, тахана замано зийначу къаночун юьхьтIера санна хьоьжура дуьнене.
Ша лаьттачуьра меттах ца велира ИбрахIим шена гена йоццуш масех машен сецча. Цу чуьра охьавоьссира кхарна дуьххьара гуш волу масех боьрша стаг. ТIекхечира и массара а сатийсина мIаьрго! Адамаш юха а цIеххьана хIоьттинчу тийналло йийсаре лецира. Цигахь мел волу стаг цец воккхуш, машенан тIехьара неI схьа а йиллина, божарша араьяккхира ИбрахIимана Ахьмадан чохь дуьххьара гина хилла и кхиъна яьлла хаза йоI.
Заурбекан кертахь хиллачу наха цхьаьнаэшшара бIаьрг тIехIоттийра тIебаьхкинчу нахана. ЙоI схьаялош веанчух цхьаммо иза дIахIотта еза меттиг билгалйира. Кхи берш корта хьалаайа эхь хеташ лаьттара.
— Цара хIун леладо, — бохуш гIовгIа хезира адамашна юкъахь.
Ткъа йоI-м шега аьлларг муьтIахь кхочуш деш, яхана дIахIоьттира. ДогIанан Iовраш санна охьауьдучу бIаьрхиша яшийна шен къона, хаза юьхь Iаьржачу йовлакхца дIа а лечкъош, багара дош ца долуш, лаьттара иза. Оцу мIаьргонехь кертахь сецира кхин цхьа машен, цу чуьра охьаиккхира хан яьлла елахь, цхьа хаза тайна аматехь зуда. Гуш дара иза йоьIан нана юйла. Цуьнан кхоьлина юьхь тIехь кхерам бацара, мелхо а шен йоIана орцах яла, цунна доьхна деанчу дийнахь улло дIахIотта шегахь мел долу доьналла цо тховса гулдиний хууш дара. Шен йоI лаьттачу гуонна юккъе, корта айбеш дIа а хIоьттина, цо элира:
— Со кху йоьIан нана ю… кхунна кхочуш долу дакъа тховса суна а кхочу, цундела шаьш цунна тIехь кхочуш дан ойла ерг, суна а де…

Корах ара хьаьжча и сурт гина Зарган, маьхьарца шен нанна тIекхийтира.
— Нана! Нана! Ас Делаца доьху хьоьга! Ма кховдийта цу йоьIана тIе цхьа а. Ас хIара дуьне дуур дац хьуна цара и йоI сийсаза яккхахь!
Хедас елакъажарца марйоьллира шен йоI:
— Ма дийца Iовдал дерг, Зарган. Хьайн доьзалехь ишта боьршалла охьайиллина нах бу моьтту хьуна? Хьан дас ша дийна а волуш могуьйтур долу хIума ма дац и.
Божаршна юкъахь хезаш шабарш дара. Нехан керта а ялийна дIахIоттийна йоIа-м — гуьйренан мохо лестаде гIа-патар санна эгош лаьттара. Цхьа болу кегий нах-м баккхийчарна къайлахь хIинцале шайна юкъахь харжам а хIоттийна бара нана, я йоI хьанна кхочур ю. Иза вуно чIогIа ирча а, цаIрмат а сурт дара ма-дарра аьлча.
Заурбекан собар кхачош лаьттара. Иза шен вешина Хьабибуллина юххера схьа а ваьлла, кегирхошкахьа вирзира. ГIовталан тIам дIа а кхуссуш, шаьлтанан мукъ а лаьцна, цо элира:
— Ас Делах дуй ма буу, кху керта еана йолу милла а зудчунна раз бIаьра хьаьжна я, харц дош аьлла вас йиначун ас цу мIаьргонехь са хьала доккхур ма ду! Божарий кху дуьненчу зударийн сий ларда кхоьллина бу…
Араяьллачу Хедас тIебеанчу баланах иза дIалачкъо геIрташ санна маара къуьйлура шена йоI.
— Деца! Шайна луург дайта цаьрга соьца, цара дадина хIуммаъ ца дичхьана! Дика дуй?! Ас муьлха а бала ловр бу, сан да кху дуьненчохь маьрша дIалелчхьана — йоьлхура йоI.
— Ма кхера! Кхузахь цхьаьна а стаго хьуна вас йийр яц хьуна, хьуна халахетар а дийр дац. Хьо сан хьаша ю, ткъа ас кхача луш лелийна, кхиийна болчу къонахашна хьан цIе тховса сийлахь ю хьуна.
Уьш цхьаьна лаьттара — ши нана а, цхьа йоI а, ткъа корах ара а хьоьжуш йоьлхура Зарган. Цу еа зудчун бIаьрхиш а, кхолламаш а таханлерачу дийнахь цхьаьна ийнера. Уьш вовшех дика кхетара, царна тIебоьссиначу баланан барам шатайпа балахь а, хIунда аьлча бала узу терза массеран а цхьатерра дац.
ХIуммаъ атта кху минотехь божаршна а дацара. Цхьа берш — сийсаза ян шайн йоI ялош баьхкинарш, корта хьалаайа юьхь йолуш бацара, ткъа вуьш — ТасуевгIар хиллачун деган Iижамца маьIна деш лаьттара. Цхьаболу къаной а лаьттара бIаьрхиш а лечкъош. ХIоранан а коьртехь эзар тайп-тайпана ойла хьийзара, амма массара а дагчохь Далла хастам бора заманан йохалла хIара тайпа эхь шайна тIедеана ца хиларна. ХIоранна а ойла ян бахьана деллера таханлерачу дийно, ша дуьненчохь йоккхучу хенахь шена а, шен тIаьхьенна а хIара санна дерг тIе ца кхачийта. Юкъараллехь шен цIе ларъярхьама, шен сих яьлла, шен хьоме йоI сийзаян нехан кара дIаеллачу дас, цу мIаьргонехь дуьненчохь йоккхучу ханна кхин цкъа а ца гIатто дожийра шен сий. Цу суьртан теш хиллачу хIора а стеган коьртехь цхьа ойла яра — шен йоьIан сийл деза хетта-те цунна маца хаьдда а хедар долу шен и деса дахар?
Заурбекан доьзалан доьналло, комаьршаллас, син-оьзадангалас, собаро толам баьккхира цу къиссамехь. ЧIиран бакъо шайгахь йоллушшехь, цара куьйг ца Iоьттира цу йоьIах, хIунда аьлча цунна тIе ницкъ баро, церан доьналлин ницкъ алсам боккхур бацара. Амма йоI ишта а хиллера сийсаза. Цуьнан сий дайинарш нехан нах бацара, цуьнан сий даийнарг цуьнан да вара.
Заурбека шен тайпанера къаноче Асбин Ахьмудан кIанте Бетерсолте куьйгаца хаам бира и зударий мокъа бита аьлла. Бетерсолтас уьш схьабахкийна хиллачу божаршна улло дIа а бигна элира
— ДIагIо! Оха некъ маьрша буьту шуна. Шуьца догуIш кхин а хIумма дац тхан.
Минот а ца елира хьеший шайца цхьаьна шайна тIедеана эхь а хьош, юьртара къайла бовла. Юха а массарех а хьаьрчира тийналла. Де суьйренга лестира. ЦIийелла йогура стигал. Алу хилла догура гулбеллачеран дегнаш. И деган лазам бIаьрхишца Iийдалора церан кхохкийначу яьххьаш тIехь. Цара тахана делхош дерг сий дара, Ахьмада а, цуьнан тайпано а охьайиллина нохчалла яра цара елхош ерг. Кхузахь минот хьалха хIоьттина хиллачу суьрто дукха Iадийна, цец баьхна уьш, цхьа а вовше вист ца хуьлуш, дIасхьакъестара. Ахьмадан векалш хила баьхкинарш массо а цIехьа бирзира, цхьа Абу-Хьаьжи виссалц. Иза вехха лаьттара Заурбекан кертахь лаьттан бIаьра а хьоьжуш. Дукха гинера, дукха лайнера, кхолламо а, адамаша а, замано а хийлозза цхьатерра къизаллица зийначу къаночунна ца моьттура, берхIиттара ваьллачу жимхан доьналло ша тховса Iадор ву. Цу кIанта гулделлачу халкъана хьалха и тайпа къамел деш лардеш дерг шен йишин сий хилла ца Iара, цо къуьйссуш дерг нохчийн къоман сий дара, цу къиссамехь кIанта кураллица толам а баьккхира. Абу-Хьаьжи кхетара цунах. Воккхачу стагана хIара доьзал а, хIара керт а тховса боккъалла а сийлахь хетара, хIунда аьлча цара шайн доьналлица, шайн лаккхарчу син-оьздангаллица нохчаллина цкъа а бухур боцу хIоллам боьгIнера кхузахь. Цунна ца лаьара кхузара дIаваха. Цунна лиира кху нахаца марзо оьцуш пхьор дан а, кхин а хан яьккха а. Шина доьзало гайтира мел къаьсташ хилла царна «Сий» боху и сийлахь кхетам. Шен сий кIезиг хеташ верг бен кхевдар вац нехан сийнна тIе. Цуьнан къеггина тоьшалла дара тховса Ахьмада динарг.
ИбрахиIм кхин меттах ца волуш лаьттара. Иза генарчу паналле хьоьжура, суьйрено Iанийначу боданехь дагна гергара дерг каро гIерташ санна. Бетерсолта тIевеара цунна. ИбрахIим къевлина шен мара а вуллуш, воккхачу стага элира:
— Сан хьоьца болу ларам тахана чIагIбелла… сан бIаьрг буьзна хьоьх!
Бетерсолта гена ваьлча, ИбрахиIмана хезира шен лере а таьIна, воккхах волчу вашас аьлларг:
— Баркалла хьуна собаре хиларна. Суна хаьара хьо цкъа а ледар хир воций.

Буьйсано юха а шен йийсаре лецира и хIусам, амма кхузахь вижанза шиъ вара… церан дагара дийца шортта хIума а дара…














                Эскар

                I

ИбрахIим массо а эскаре кхайкхина кегий нах санна хIинцале чекхваьллера тIеман-медицински комиссих а, тIеман комиссаран хьехаре ла а доьгIнера цо.
ТIекхечира гуларийн де. Соьлжа-ГIалахь тIаьххьара медицински комиссих чекхваьллачу хIора жима стагана тIеман билет схьаэца тIедожош долу тоьшаллин кехат деллера. Цу гIуллакхна царех хIора а билгалйиначу хенахь гуларийн меттиге схьакхача везаш вара. Иза дара 1979-чу шеран лахьанан беттан шолгIачохь. Нохч-ГIалгIайн Республикас хIора шарахь гурахь а, бIаьста а эскаре кхойкхучу муьрехь, кхи йолчу республикашца дустича хIоттийна Iалашо совнаха кхочуш йора. Иза ларамза а дацара — вайнехана юкъахь даима а эхь хиллера Даймехкан декхара дIа ца луш, ведда лелар. Цундела билгалйинчу хенахь, Кавказера эскаре дIаоьхура доьналлех, ницкъах буьзначу кегий нахах йоьттина эшелонаш…
Лахьанан беттан хьалхарчу дийнахь Заурбекан хIусамехь шортта адам вовшахкхеттера ИбрахIим новкъаваккха. Сарахь уьстагI бийначул тIаьхьа, баккхийчу наха мовлид йийшира. Массара а довхачу дашца, хазачу ловцаца дог хьостура кIентан. Баккхийчу наха хьехар а дора мичча а кхачахь а нохчаллех ца вухуш, чекхвала бохуш.

Сарахь шен доьзалийн гуонехь виссира ИбрахIим. Дукхачара шаьш Iуьйранна кхин цкъа ИбрахIим ган догIур ду элира. Массо а гIайгIане буьйсанашкахь санна, кху буса а вижанза шиъ вара. Амма хIуммаъ синтемехь Хеда а яцара.
Сатоссуш дара. ХIинца а баьццара лаьттачу байтIехь къоьжа йис туьссуш, еара гуьйренан Iуьйре. Шатайпа синхаамех кийра буьзна самавелира ИбрахIим. Дуьххьара маьIне хилам бу тховса кхуьнан дахарехь кхочуш хуьлуш. Иза корах арахьежира. Ма цIена яра гуьйренан стигла, ма цеIна яра ИбрахIиман ойла а, синкхетам а. Iуьйренан ламаз а дина араваьллачу шен дена тIаьхьа аравелира ИбрахIим. Шина шарна цIийнах а, юьртах а къаста везачу кIантана лаьара хьомечу хIаваах доггах Iаба, ткъа гена йоцуш шен оганехь лаьтта Абрек а яра ша тергал ца йина реза йоцуш хIур-хIур деш.
— Абрек! — ИбрагIим доггах марахьаьрчира тешаме доттагIчуна, — яло, вайшиъ жимма долалур ду! Ахь суона сагатдийр ма ду, дуй? — ИбрагIима хьоьстуш арабаьккхира дин. Гуьйренан хьалхара йис тессиначу байтIехула говраца волавелира ИбрагIим шен ойланашка а вахана…
Абрек-м дIаэккха кийча яра, ИбрагIимца аренаш толлуш, амма къастаро жимма гIайгIанашка вахийтина волчу ИбрагIимана ца лаьара шен дог Iовжо. Жимма волавелла а, чуялийра ИбрахIима говр…
Ткъа Заурбекан керта-м кху Iуьйранна саццанза нах бара оьхуш. Ма дукха адамана лиънера ИбрахIимаца шайн йолу дегайовхо гайта. Нохчийн гIиллакх ду эскаре воьдучунна новкъа яа хIума ялар. Цундела шортта совгIатащца керта оьхура лулара зударий.
— Вай, дIадовла! Аш-м кху шина шарахь дийнна эскарана тоьъал рицкъа вовшах ма тоьхна. Суна-м цхьа цIерпошт а тоьар яц — забар йора ИбрахIима.
Къона саьлтий вовшахкхетачохь ИбрахIим новкъаваккха еара цуьнан нана а, воккхах волу ваша СаьIид а, йиша Зарган а, иштта гергарчу нахана юкъара масех жима стаг а. Массо а новкъабовла кечбелла, керта арабовлучу хенахь, Заурбек чохь виссира. Цунна хаьара ша волчу чу ца вогIуш кIант аравер воций. Нохчашна юкъахь товш дац дас шен берашца йолу марзо гайтар, къаьсттина кIенташца.
ИбраIхим чоьхьа ваьлча, Заурбек шен тасбиIан тIехь доIа деш вара. Цо иза дIадерзолц собар деш лаьттара кIант.
— ИбрахIим! — Заурбек хьалагIаьттира — со тешна ву хьан гIуллакхаш дика хир ду аьлла, амма нене кехат язда мало ма йе. Хьуна ма хаьа цо мел чIогIа сагатдийр ду.
— Суна хаьа… иза ас цкъа а диц дийр а дац.
ИбрахIим юьстах велира, Заурбекана аравала некъ буьтуш. Цу тIехь церан къамел чекх а делира. Юьхьанцара хеталора ма шийла яра кIентан а, ден а Iодика яр, амма ишта ду и нохчийн Iадатан доза. Цу дозанера ца вохар дезох ду безамал а, дегайовхонал а.

Заурбека араваьлла ИбрахIимаца ларам лаьцна керта баьхкинчарна баркалла элира, тIаккха шен воккхах волчу кIантана СаьIидана тIедиллира машенаш чехка ца хохкуш, новкъах ларлуш хила аьлла…

Невра кIоштан тIеман комиссариатехь саьлтишка тIеман билеташ дIа а делла тIеман комиссара эскаре кхайкхинчу кегийчу нахе вистхуьлуш, шен къамел дIадолийра. Цо дехха дуьйцура Даймехкана хьалха долчу декхарах лаьцна а, советан саьлташна хьалха лаьттачу мехала Iалашонех лаьцна а.
Ткъа цуьнан къамел чекхдалараца нийсса, шен мукъам дIаболийра тIеман оркестра. Вотанан гIовгIанца хезаш дара «Прощание славянки» цIеяххана илли.
Ткъа цул тIаьхьа саьлтий а, уьш новкъабохурш а Соьлжа-ГIала дIабахара гуларийн пункте.
Гуларийн пунктана гуо бина лаьттара аьчка саранца юьйлина кибарчиган леккха керт. Иза йинера Оборонин Министерствон хьаьрма саьлтий новкъабохучарна юкъара маларах кхетта верг чу ца валийта. Цигара чоьхьаволийла лардеш чоьхьарчу эскарийн сержанташ бара. Кхузахь дара и тIеман а, машаран а дуьненнна юкъахь долу доза.

Шатайпа яра хIара гуьйренан Iуьйре. Арахь шийла яцахь а, амма хIете а хIаваэхь мелла а хаалуш дара борз санна тIегIертачу Iаьнан садеIар. Гуларийн пункатана йистехула нийссачу могIарехь лаьттара къона акхтаргаш. Шайн кIентий эскаре новкъабохучеран дегнашчуьра гIайгIа гуш яра нанойн гIийла хьежарехь. ХIоранан а коьртехь хьийзара цхьа хаттар — сан кIант-м хьажор вац те Афганистане? Ткъа кегий нах-м самукъне гIовгIа эккхийтина лаьттара. Маржа-яI къоналла! Ма ца девза хьуна кхерам боху дош! Ма сонталица хьоьжу хьо дахаран ирхенашка, цундела ца хуьлу-кх хьуна царех тийссаяала а хала. Аьхкенан догIа санна йоца хуьлу хьан гIайгIа, ткъа сингаттам некъ тилий а дагчу ца богIу. Хьуна хIара дерриге а дахар ма хета забарех дуьззина той. Ткъа замано зийначу къаналлина-м хаьа стеган дахаран некъ зезагашца хилла ца Iаш, кIохцалшца а кхийлина буй. Ткъа и кIохцалш цу некъахь дукхох ма ду зезагел а.

ТIекхечира кегийчу наха сатийсина а, церан гергарчара шайн ма хуьллу юхатиттина а мIаьрго. ХIоранна а лаьара дIасакъастале шен вешига а, кIанте а даггара дешнаш ала, ткъа и дешнаш каро хала ма дара. Хеталора дакъаза яла хьаьхначу Афганистанехь яьлла и сийна цIе, генарчу Нохчийчуьра нанойн дегнашкахь кхерста. Ма ца карадора кIенташка ала дешнаш. ИбрахIимана уллора дIа ца йолуш лаьттара нана. Цуьнан и замано къеждина сирла амат ма хийллозза дуьхьал хIуьттура ИбрахIимана ша хIоразза а дахаро къизаллица зуьйчу хенахь. Иза йист ца хуьлуш лаьттара кIентан бIаьра а хьожуш. Ши дош-м ца делира цуьнан багара. Амма ИбрахIимана хаьара муьлхачу лазамца керчара цуьнан кийрахь дог. ГIиллакхах ца йоха, ша дахарехь сел кIезиг хьистина волу кIант, цо доIанехь набарна тевжаш хьоьстур вуй.
Кху дуьненчохь боккъалла а безаман мах нанна бен ца хаьа. И бер дуьненчу доккхуш, дегIаца ша лайна Iазап, юха деган Iазапе доьрзу цунна, цу берах сагатдеш, цуьнан дахаран некъан ойла еш, иза Деле доьхуш. Ненан бIаьргийн йоза деша ма дика хаьара кIантана. Цунна хаьара нана шен дог ца Iовжо, бIаьрхийн и боккха хIорд лазамца кийрахь къуьйлуш лаьттий.
ГIайгIанца ИбрахIиме хьоьжуш лаьттина Хеда, цIеххьана дIахьаьжира. Цунна евзира шайн юьртхочун Ахьмадан йоI Хьава. Кхиъна яьлла, хаза товш нохчийн аматехь йоI яра Хьава. Хедас къайлах сатуьйсура иза ИбрахIимана яло. Хьава тахана кхуза еанера эскаре шен ваша новкъаваккха.
Хеда шега схьаьоьжуш а гина, эхь хетта Хьава, кхераделла хьоза санна дIаиккхира. Иза тергал еш лаьттачу Хедас, ела а къежаш, ИбрахIиме элира:
— Гирий хьуна мел хаза йоI яра хьайга хьоьжуш?
Шена иза гар а, цу хьокъехь шена хетта эхь а лачкъа ца делла ИбрахIим дIавирзира, ткъа Хедас-м юха а шенаг дуьйцура:
— Дер ю Хьава наха дика цIе йоккхучу тайпанера а, доьзалера а.
КIантана нускал хоржуш, нохчаша къаьсттина чIогIа тидам тIехьажабо иза муьлхачу тайпанера ю. Иза коьрта лехам бу хIора а доьзалан, хIунда аьлча нохчашна хаьа бахкабелла орам болчу дитто, дика стоьмаш лур ца хилар.
ТIаьххьара шен безначарна мара а кхетта, ИбрахIим саьлтишна юкъа дIахIоьттира. Цу минотехь дуьйна, замано дIалистира цуьнан дахаран рузманера керла агIо.
Цу сарахь ша санна бIеннаш кегий нахаца цхьаьна ИбрахIим кхечира аьчка некъан вокзале. Уьш плацкартни вагонашкахь дIатарбеллачул тIаьхьа, цIерпошта дIаболийра шен некъ. Кегирхошна хезара гергарчара шайна тIаьхьа бетта мохь, гуора церан гIайгIане яьххьаш а, цара лесто куьйгаш а, амма цIерпошт-м бен доцуш хецаелла йоьдура дашочу маьркIажена дуьхьал шен сира кIур бетташ. Корахула арахьаьжча цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа хийцалора Iаламан исбаьхьа суьрташ — гуьйрено можачу духарца кечъйина хьаннаш, йист йоцу аренаш, хиш. Дукха хан ялале Соьлжа-ГIала а геналлехь йиссира.

Оборонин министерствон хIоттамца, эскаре кхайкхинарш ницкъ ма кхоччу шайн Даймахкана гена бохура. Иштта Кавказера кегий нах СССР-н уггаре а генарчу гIаланашка а, ярташка а кхочура, ткъа Сибрехара а, Украинера а саьлтиша шайн тIеман декхара Кавказехь дIакхоьхуьра. Юьхаьнцара хаттар кхоллалора оцу кепара шена харж а еш пачхьалкхас стенна деш ду те иза олий? Амма дуккха а шераш девлча, ИбрахIимана карийра цу хаттарна а жоп. Иза хиллера шераша зийна, дикка ойла йина кхочуш еш йолу политика. ИбрахIим цунах кхийтира телевизорчухула Советан Iедал дохале хиллачу хиламийн терго йича. Иза дара Бакухь а, Тбилисехь а, Вильнюсехь а эскар маьршачу бахархошца герзаца дуьхьалIоттадалар. Дуьхьал летачарна юкъахь меттигера бахархой бен бацара, ткъа уьш совцо арадаьллачу эскарна юкъахь Советски Союзан регионашкара саьлтий бара.
И кхетам цуьнгахь чIагIбелира Ельцин Борисан Iедалан муьрехь Россехь хуьлучуьнан терго ян ша волавелча. ИбрахIим тешна вара Москван урамашкахула гIовгIанца хецаелла йоьдучу танкан куьйгалла деш верг оьрсий вац, хIунда аьлча ша вина а, ваьхна волчу гIалин Парламентан ло санна кIайчу гIишлонна тIе герз хьажийна иза цо йохор яц, я йоха а лур яц. Ша бакъ вуй ИбрахIим кхийтира Соьлжа-гIалин Iожаллин теш ша хIоьттича.
ТIеман куьйгаллин мекара ойла хиллера иза — къона саьлтий Даймахкана гена баха, хIунда аьлча цара дика теллинера къоман син-кхетам. Саьлтий берриге а махкахула дIасакхуьссуш яйна харж, пачхьалкхас дукха сихонца меттахIоттош хиллера. Ша ваьхначу гIалина тIе цкъа а топ хьажор яц цхьаммо а ша кхетам чохь а волуш. Нохчийчоьнах цIе тасса арабевлларш а ма бацара нохчий. Дер бацара. Соьлжа-ГIала чим бина ягийнарш а нохчий ма бацара…

                II

ЦхьайттолгIачу дийнахь эшелон Генарчу Малхбален Хабаровск гIала кхечира. Аьчка некъан станцера уьш дуьхьал яьхкинчу тIеман грузовикашчу дIа а тарбина тIеман декъе дIабигира.
ИбрахIим ахшарна деша сержантийн ишколе кхечира. Иза чекхяьккхинчул тIаьхьа, цо сержантан даржехь тIеман декхара дIакхехьа дезаш дара.
Шен хоршехь дIадоьдуш дара ИбрахIиман эскарера дахар. Я командирашца а я тIеман накъосташца а йолу юкъаметтигаш эскаро тIедожийначу барамал сов ца евллера ИбрахIиман. Амма цхьацца дар-дацар доцуш а ца хуьлура, амма ИбрахIиман даима доьналла тоьура шен а, шен накъостийн а гIо даккха.
Кхарел хьалха эскаре баьхкинарш леташ меттиг а нислора, амма хIорш а ца буьссура декхарийлахь.
Иштта, цхьаьна дийнахь тактически Iаморашкахь сержантана лиира массарна а хьалха ИбрахIим охьатаIо. Амма мочхал лазош шена кхеттачу буйно сиха кхетамчу валийначу сержанта дукха чехка хийцира шен къоначу курсанташца йолу юкъаметтиг.
ТIеман уставаш дагахь шаръяр, даима хуьлу Iаморш, дегIан ницкъан кечамаш — атта ца хиллера эскарера дахар, амма массо а агIонехула цунна кийча волчу ИбрахIимана дацара иза хала. Эскарера халонаш бахьана долуш, цуьнан доьналла де дийне мел долу чIагIлуш дара. Шен сица а цIийца а ийна йолу яьхь даима хуьлура цуьнан коьрта герз командираша а, цу ишколан сержанташа а хIуьттарена ког туьссучу хенахь. Хеталора командираша дийнахь а, буса а бIаьрг тIера ца боккху къоначу курсанташна, мел кIезиг долчу гIалатна а геч ца деш.
Юьхьанцара ИбрахIим ца кхетара стенна бала хуьлу командирашна дIатассаза йиссинчу нуьйдаца а, ишта кхин долчу бенбашхалла йоцучу хIуманца а. Сержантийн ишколехь тайп-тайпана къаьмнашкара кегий нах бара. Нохчо цхьа ИбрахIим бен вацара. Цхьаьна махкара эскаре кхайкхинарш вовше гIо доккхуш, даима цхьаьна хуьлура. Хьайн къомах накъост кхузахь мел чIогIа оьшу ИбрахIим кхийтира эрмалой а, азербайджанаш а вовшахлеттачу хенахь.
Церан дов даларан бахьана дара Арсен цIе йолу азербайджана хьаштагIа цIанъян дуьхьало яр. Арсенна хетарехь иза Самвел цIе йолчу эрмалочо леррина кхуьнга хIуьттаренна цIанъйойтуш яра, эрмалойшна хьалха азербайджанаш охьатаIо Iалашонца. Арсен шена дуьхьал ваьлча, Самвела цунна юьхьтIе буй туьйхира. Ткъа шайн махкахочун гIо а даьккхина азербайджанаша Самвелана йиттира. Ши саьлтий тассавалар шина къомана юкъахь даьллачу девне дирзира. Эпсараш юкъагIоьртинчул тIаьхьа, дов къастийра, амма шина а агIоно вовшашна кхерам тессира мацца декхна а дIадекхаза дуьтур дац аьлла. Оцу кепара, минот яьллехь цIий Iаназа делира цигахь. Амма шина а агIона оцу халчу хьолахь кIелхьараволийла ИбрахIимана карийра. Цо шина довхочуьнга элира шаьшшиъ дуьхь духьал хIотта аьлла. Иза массо а агIо дустича нийса а, къонахашца догIуш а дара.
Сержант Самвел эскарехь волу цхьа шо а, кхо бутт а бара, ткъа Арсена тIеман декхара дIакхоьхьу кхо бутт бен бацара. Кху девнехь иза бакъ хилар ИбрахIимана гуш дара.
Муьлхха а мах белла, шен бакъо къовса кийча волу Арсен дикка кхераме вара Самвелана, амма цунна иза гуш дацара, хIунда аьлча Самвела дог дохура ша мел харц велахь а, эскарехь алсам хан яьккхинчара шен гIо доккхур хилар. Мел халахеташ делахь а, Советан эскарехь «дедовщина» олу харцо вуно чIогIа яьржина яра. Цхьа шо а сов эскарехь хан яьккхинчара тIебаьхкинчу къоначу саьлтишна тIехь инзаре къизалла латтайора, ткъа иза эпсарша мага а дора.
Ша мелла а ницкъ болуш воллушшехь, Арсен хIете а чIогIа кхеравеллера ИбрахIима кховдийначух. Латарехь, спортехь шортта зеделларг долчу ИбрахIиман бIаьрг тIехIоьттира Арсен доьналла долуш хиларан, цундела иза цунах тешара, я иза эрна а ца хиллера. Арсенан бIаьргаш чохь йогу цIе а, Самвелехь йолу дегазалла а дукхах болчарна гуш яра, цундела массеран а Арсенаца озабезам бара.
Сарахь массо а дIавижинчул тIаьхьа виъ стаг юьхь-куьйг дуьлучу чоьхьабевлира. Арсена шен теш ИбрахIим лаьцнера, ткъа Самвелан теш ТолгIан цIе йолу узбек вара. И чоь нийсса ши довхо дIасахьовззал яра. Латар массо а бакъенаш ларъяш дIадахьа дезаш дара — дегIана тIе буйнаш а, мираш а бетта мегаш ду, амма охьавоьжначух лата мегар дац.
Нийсса пхи-ялх секонд ялале Арсена моччахулах буй тоьхна охьавиллира Самвел.
ШолгIачу дийнахь эпсарша буса хилларг шайна ца гича а, ца хезча а санна дижа дитира.
Ткъа занятишкахь эскаран декъан командиран политикин агIонехула гIовса ца хууш санна Iоттар йира:
— Нагахь санна массара а къаьмнийн юкъаметтигаш Тасуев ИбрахIима санна къастош ялхьара, дерриге а дуьненахь машар хир бара.
ИбрахIима ша ца кхетча санна кеп йира. Халахеташ делахь а, цу буса хилларг я ИбрахIимана а, я кхи болчарна а тIаьхьало йоцуш ца диссира. Самвела юха а шен махкахой Арсенна дуьхьал гIовттийра. Цара казарман уче а ваьккхина кIело йира цунна. Оцу кепара юха а эрмалой а, азербайджанаш а вовшахлетира. Цу латаран массо а декъашхой лазийнера. И дов цхьаьна баттахь къастош дара тIеман дознавательс.
Куьйг бехкенаш лерира Самвел а, Арсен а, ИбрахIим а. Дешаран декъан командира и гIуллакх шуьйра нахал ца далийта башха доккха таIзар ца дира — кегий нах масех денна гауптвахти чубоьхкира.
ИбрахIим цхьанца а башха доттагIалла а я гамо а ца лелош, тийна-таьIна воллушшехь, цуьнан маьрша амал а, оьшучу меттехь шех жоп дала йолу доьналла а ца гуш ца юьссура эпсаршна а, командирашна а.

Цхьаьннах а возуш воцуш, буьззинчу барамехь маьрша я инзаре хьал долуш верг хир ву, я карахь Iедал дерг хир ву. Заманан йохалла дахаро Iамийра ИбрахIим цу дешнийн ма-дарра маьIна дан.
Советан эскарехь тIеман декхара дIакхехьначарна дика хаьа эпсаршна маьрша саьлтий цкъа а ца безний. Командираша шайна даима а хьалха хIиттийна Iалашо ю жима стаг кагвина, шайна оьшучу амале верзийна, иза доьналлех ваккхар.
ИбрахIим «кхетор» шена тIелаьцнера Литвинов капитана. Иза гуттар а гIоьртина вара цуьнца. ИбрахIимана Iоттар ян даима цхьацца бахьана карадора цунна. Собарах воха кийчча вара ИбрахIим. Амма накъосташа хаийтира цунна тIейогIуш хала киртиг хиларах лаьцна…
Крутов Юрий сержант Советан Эскаре ша кхойкхучу заманахь Московски машенийн некъийн институтан кхоалгIачу курсера дIаваьккина вара. Цуьнан бахьана цхьанна а хууш дацара, я цуьнан шен и довзийта башха лаам а бацара. Саьлтишна юкъахь иза даима а къаьсташ вара. ИбрахIимал ах шо хьалха эскаре кхайкхина волу иза, куьйгаллин сацамца кхи дIа а тIеман декхара дIакхехьа эскарехь виссира, къона курсанташ а кхиош. Юрий тамехь кIант вара. ХIоранца а дан къамел карадора цунна, цул совнаха гулбеллачеран самукъа даккха а — Юрийн гитара лакха а хаьара.

ЦIеххьана къамел хилар бахьана долуш, Юрийн а, ИбрахIиман а дика доттагIалла тассаделира. Юрийс дукха хIуманна тIехь бIаьргаш биллира ИбрахIиман. Шегахьара оьшу гIо дан тешо а йира. ИбрахIима хазахетарца тIелецира шега кховдийна доттагIалла. Накъостий кест-кеста цхьаьнакхетара, церан дийца шортта хIума а хуьлура.
Ах шо хан елира курсантийн дахар шен тийначу хоршехь дIадоьду. ТIаьххьара кIира сержантийн школин курсанташ арахецарна лериначу даздарна тIеман декъехь кечамаш беш дIаделира.
Курсанташа хазахетарца жигара къахьоьгура шайн дахарера маьIне хиламна кечам беш. Iуьйранна дуьйна сарралц дIасауьдура уьш тIеман декъахь керташна басарш хьоькхуш, нехаш дIайохуш. ЦIаналла лепаш яра ерриге а хьаьрма. Нагахь санна цIеххьана тIеман инспекци кхачахь а, юьхьIаьржа хир бацара уьш. ТIеман жима гIала кечйинера тайп-тайпаначу транспоранташца, байракхашца. Геннара бIаьрг тоьхча а гуш дара кхузахь боккъалла а даккхий даздарш дуй хила дезаш. Школин арахецархой а, куьйгалла кийча бара даздаршна. Дешарехь а, балха тIехь а кхиамаш гайтинчу эпсаршна а, сержанташна а тайп-тайпана совгIаташ далар а, керла цIерш ялар а, цхьаболчарна цхьаьна ханна Даймахка цIа баха бакъо ялар а кханенна лерина дара. Кхана тIекхочу Хьалхара Май — массо а къинхьегамхойн дезде.

Iуьйранна итт даьлча билгалдина дара Ленинан цIарах йолчу гIалин коьрта майданехь тIеман парад дIаяхьар а, иштта къинхьегамхойн дуьйладалар а.

                III

Iуьйранна хьалхарчу Майхь арахь серсаш догIа долушшехь, парад хилира.
Сарахь тIеман декъан хьаьрмахь, эпсарийн Культуран ЦIийнахь тIеман гIуллакххошна ма-деззара къеггина даздаран цхьаьнакхетар хилира. Цуьнан официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, тIеман декъан ансамбла а, иштта меттигера эстрадин артисташа а дакъа а лоцуш концерт хилира.
Концерта бакъ долуш массеран а самукъадаьккхира. Къаьсттина хазахеташ бара арахецархой, хIунда аьлча масех де даьлча царех командираш хир бу, ткъа иза йоккха жоьпалла ю, хIунда аьлча церан корматаллех доьзна хир ду церан куьйгкIелахь болчеран эскарера дахар.
Ткъа хIинца тIеман дешаран ялх бутт чекхбаьллачул тIаьхьа, цхьажимма садаIа аьтто баларна самукъадаьллера церан. Цул совнаха концертехь дIаолу иллеш а дара дог ира-кара хIиттош.
И тайпа цхьаьнакхетаршка эхар тIемалойн доьзалийн ламаст дара. Кхи болчу эпсарийн доьзалшца цхьаьна даздаршка еанера тIеман декъан командиран политически белхан гIовсан хIусамнана Вера Степановна а шен йоI Ольга цхьаьна а йолуш. Царна тIаьхьатассавелла веанера капитан Литвинов а. Кхи болчу лахара эпсаршка а, взводийн командирашка а хьаьжча, Литвинов хIинца а зуда ялонза вара.
ТIеман декъан замполитан, подполковникан Тарасовн йоI чIогIа хазахеташ вара иза. Цундела лаьара Литвиновна муьлха а бахьана даьлча цуьнан де-ненан дог дика дан а, шен ма хуьллу цаьрца юкъаметтиг нисъян а.

Литвинов гIеметтахIоьттина стаг вара. Ши шо хьалха цо лаккхара кхиамашца чекхьяккхира тIеман училище. Цуьнан да генеральни штабехь лаккхарчу даржехь вара, цундела Литвинов училищера аравелира лаккхара лейтенантан цIе а йолуш, ткъа кхин а ши шо далале хенал хьалха цунна капитанан цIе елира. Билгалдаккха деза, капитан хазачу аматехь вара, оцу хазаллица нийсса шен хьолах дозалла дар а дацара цуьнгахь хIуммаъ кIезиг. Москван уггаре а тоьллачу школашкахь дешар, лаккхарчу даржашкахь долу да-нана, тIеман хаарш — цу дерригено а кур ваьккхина Литвинов массарна а ца вешаш тIехула хьоьжура. Цунна хетарехь курсанташа а, сержаташа а, эпсараша цо аьлларг дан дезаш дара дуьхьал дош ца олуш.

Оццул хьекъал а, хазалла а шеца доллушшехь, тIеман накъосташна юкъахь капитанан доттагIий кIезиг бара. Ткъа бу бохуш лелаш берш а, дукха хьолахь шайна пайда лоьхуш бара. Литвиновс дукха ойла ца йора цу гIуллакхан, хIунда аьлча цунна ша хIинцале инарлин даржехь гора. Буьззинчу барамехь ирс хилийта оьшург Тарасова Ольга санна хаза нускал дара.
Доьзалехь цхьаъ бен а йоцуш, Ольга ша дуьненчу яьллачу дийнахь дуьйна де-ненан безамах а, йовхонах а хьулйина яра. Цхьаъ бен йоцу йоI церан дахаран дерриге а маьIна дара. Дас-нанас шайн ницкъ кхочург дора йоI цхьаьна а хIумантIехь эшна ца хилийта. Ольгас чекхяьккхира мукъамийн школа а, иштта хазахетарца теннисах а ловзура, нека дан а Iеминера. Школехь доьшуш хуьлу кхачамбацарш дас-нанас сиха къастадора репиторийн гIоьнца. Оцу дерригено а ишта а хьекъал долуш а йолчу йоьIана аьтто белира лаккхара кхиамашца школа чекх а йоккхуш, Хабаровски университетан экономически факультете деша хIотта. Башха чIогIа хаза яцахь а, амма тайначу аматехь, дегIаца товш йолу йоI божарийн бIаьрг тIе ца хIуттуш ца юьссура.

Ткъа иза йистхиларца гуш хуьлура йоьIан самукъне амалца нийсса, кийрахь цIена дог дуйла а. Хууш ма-хиллара дукха тIех Iуьналла деш лелийна бер сов коча хуьлу, амма Ольга иштта яцара, цо мелхо а дас-нанас шена кховдийначу безаман хIу кийрахь даржош, кхиийра шегахь эсала амал а, адамащца йолу уьйр а.
Куралло вахийна Литвинов ма-варра ца вовззал Iовдал а яцара йоI, цундела цо гIиллакхехь юхатухура капитана шега кхийдо безам.
Капитан шен йоI езаш вуй ца гуш ца диссира Ольги нанна а. Иза цу гIуллакхах йоккхаеш а яра. Нанна лаьара шен йоьIан кхане сирла хуьлийла, хIунда аьлча Литвинов гIеметтахIоьттина, массо а агIор аьтто болуш стаг вара. Кху даздаре а Ольга нанна хала ца хетийта еанера. Кху цхьаьнакхетарах башха самукъадаьлла а яцара йоI ма-дарра аьлча. Цуьнан ерриге а ойла дIалецира даздаран цхьаьнакхетар долалуш шена гиначу цхьаьна сержанта. Цуьнан бIаьра хьожжушшехь кхийтира Ольга ишта кIант шена цкъа а гина воций. Ольгас тидаме лаьцнарг дара и кIант массарел а цхьа шатайпа къаьсташ хилар а, оццул хаза, зоьртала дегIехь ша воллушшехь хIумма а кур ца хилар а. Ларамза цIаьххьана дустира Ольгас Литвиновн а, шена дуьххьара гиначу сержантан а васташ, ткъа йоьIан ойланехь шина кIентан хиллачу къовсамехь толам сержанта баьккхира.
— Леккха хиларца а, дегIаца а цхьаьна вогIуш ву и шиъ — ойла йора йоьIа, амма кхи дIа-м башхалла ша стигланна а, латтана а юкъахь санна яра. Капитан хьаьрса месаш йолуш, сийна бIаьргаш долуш, хазаллех вуоха воллуш ву, амма цуьнан дерриге а амат басарш кхачийна дилланза диссина сурт санна ду, ткъа сержантан васт-м дийца дош карор доцуш, исбаьхьа ду. Цуьнан сирла амат нуьре до син-оьздангаллас а, кийрара дуьйна схьайогIучу цIеналлас а, ткъа бIаьргаш чохь кхерста доьналлин алу. Цуьнан дерриге а васт лерина диллина сурт санна ду. Ткъа кIант ша и ца гуш вац, амма хIете а мел лела хаьа цунна, мел оьзда ю цо дIайоккху хIора а гIулч. Концерт дIаяьлла аьлла биначу хаамо юкъах ехира йоьIан ойланаш.

Подполвковник Тарасовс ша кхин а цхьаьна сахьтана тIаьхьа саца веза аьлла хезначу Литвиновс хазахетарца шена тIелецира Ольга а, цуьнан нана а цIа кхето.
Цу бехачу некъахь Ольгин ладогIа дийзира Литвиновн цу дегаза къамелашка. Ма хазахийтира йоьIана шаьш цIа а кхаьчна, капитан дIавахча.
Цу дерриге а кIирнахь Ольгин берриге а кхетам дIалаьцнера сержантан цу шатайпа васта. Иза кхайкхаза хьаша санна хIоьттира цуьнан деган неIаре. Къастаран мIаьрго тIехIоьттича бен ца кхийтира йоI ишта хиллий кхолламан некъаш. Кхолламо валийнера иза цуьнан ойланашка, амма боккъалла а долчу ирсана елла хан кIезиг хуьлуш хиллера-кх.
Дешаран декъан куьйгаллас ИбрахIиме школехь висса элира, къона саьлтишца болх а беш. Юрийна а лаьара накъост шен уллохь хилийта. ИбрахIим хазахетарца реза а хилира. Къона сержант взводан командиран гIовс хIоттийра. Эскаран дахар шен тийначу хоршехь дIадоьдуш дара.

Кестта, ИбрахIиман а, Ольган а довзар хилира. Церан дахарехь иза боккъалла а цхьа исбаьхьа хаза а, маьIне а хилам а бара.

                IV

ТIекхечира хьаьттан бутт (август). Масех де дара стиглахь цхьа а марха гучу ца йолуш, екхна лаьтта. Дуьне лало санна кхеттачу малхана арахь лаьтташ тов яра. ГIалара дитташ а, зезагаш а адамаш санна гIелдинера аьхкенан йовхоно. Некъаш тIера ченаш ловзош баьллачу мохо а гIо ца дора, хIунда аьлча иза бовха бара. ГIалин паркан шийлачу Iома йистошкахь карайора бахархошна аьхкенан товнах кIелхьарабовлийла.
Иштта, кIиранан дийнахь делкъал тIаьхьа, Ольгина а лиира шен доттагIчуьнца Галиница цхьаьна а кхетта, паркехь жимма хан яьккха. И шиъ сих-сиха йогIура кхуза. Мехкарийн дийца хIума шорта хуьлура. Коьрте хьийза шортта ойланаш, сирлачу кханенга болу сатийсам… маржа-яI ма хаза хан ю-кх жималла, дахаро ца Iовжош иза чекхяьлла дагалецамашкахь ша ма ярра цIена а, хаза а йиссар хилла-кх дуй ца хууш, боккъалла а доккха ирс. Паркехула лелаш, мацъелла ши йоI кафе яхара хIума кхалла дагахь, амма маларх кхеттачу кегий нехан тидам шаьшиммо тIеберзор бахьана долуш, шина йоьIан цу чуьра сиха дIаяха дийзира.
Паркера цхьаьна гIанта охьалахъелира ши йоI, амма цигахь а цу шинан синтем бохош, тIаьхьакхечира маларо галваьккхина ши накъост. Мехкарий-м боккъалла а кхерабеллера. Орца деха а ца хIуттура ши йоI, хIунда аьлча ца хаьара диканна ара ца ваьллачу шинна хIун дагадогIу а. Шаьшиммо хIун дан деза ца хууш йиссиначу шина йоьIан йоьхна ойланаш юкъахъехира цIеххьана тIекхаьчначу шина саьлтичо.
Церан тIеман духарах а, зоьртала догIмех а кхеравелла ши зуламхо дукха сиха дIавахара. Дукха кхераелла Iадийна йоI юьхьанцара кхета а ца кхийтира шаьшинна орцах ваьллачу шиннах цхьаъ шен ойланехь веха сержант хилар.

Мокъа хан яьллачуьра, ИбрахIим а, Юрий а гIалахь садаIа меттиг лоьхуш вара. Концерте я, клубе ваха ца лаьара, иштта кино ваха а дог ца догIура арахь дукха йовха хиларна. Цундела кегий нах парке бахара, Iома йистехь лаьттачу IиндагIах кху аьхкенан товнехь жимма марзо эца. Амма паркехь дагахь доццуш хиллачо хийцира накъостийн Iалашонаш.
Маларх кхетта ши зуламхо-м цкъа а ца хилча санна къайлавелира. Ткъа дахарехь хIинцале шортта зеделларг долу Юрий сиха кхийтира шаьш довза зудаберийн лаам чIогIа хиларах. Амма мехкарийн амалш хIинца а йовзанза волу ИбрахIим дIаваха сиха вара, шаьшинна гIуллакх цу тIехь чекхдаьлла моьттуш. Амма Юрийс шина йоьIана ца гуш муьшкаш а йина кхетийра накъост. Зудбераша хазахетарца тIелецира шайга кховдийна гергарло. Вовшашка цIерш а хаьттина, кегийчу нехан къамел тассаделира. Юрийс минот ялале тIеберзийра зудаберийн тидам. Ткъа ИбрахIима-м вист ца хуьлуш, эсала лаьттара, оцу кепара Ольгин дагчохь яьлла цIе кхин а чIогIа марсайохуш. Юрий реза вацара шен накъостана:
— Кхунна оьгIаз ма гIолаш! Дукха хан яц хIара керосин эца ломара охьавоссийна, ткъа юха хьалавала муш хаьдда виссина хIара, цундела жимма аккха ву. Дика кIант ву шуна хIара, амма цхьажимма татта везаш ву-кх даима а.

ИбрахIим вовза луучу Ольгас ша долийра кIантаца къамел. Цкъачунна ИбрахIим цуьнан хаттаршна доцца жоьпаш луш Iаш вара, амма жимма хан яьлча хьалха санна ийза ца луш, къамеле велира иза.
ИбрахIим нохчо вуй хиъча, Ольгас элира шен нохчий цкъа а гина а я, бевзина а бац, ша Толстойн а, Пушкинан а, Лермонтовн а говзарш йоьшуш бен, ткъа уьш махках бахарах лаьцна дас дуьйцуш хезна шаьш доьзалехь цхьаьна телевизиорчухула сийлахь хелхарчах Эсамбаев Махьмудах лаьцна передаче хьовсучу хенахь.
ЙоьIа дийхира цуьнга дийцахьара ахь хьайн Даймахках лаьцна…
Юьхьанцара цунна ца хаьара ша хIун аьлча бакъахьа хир ду те, ткъа юха-м сацам бира ши-кхо дош аьлла тоам бан. Амма цу Даймехкан васт дуьхьал хIоьттича, дешнаш ша ламанца дистина догIу ахка санна охьахецаделира. Шийлачу гIайгIано къийзочу дагчуьра самабевлла дагалецамаш туьха тесча санна Iийжара кийрахь. Цо дуьйцура цуьнга хIоразза а ламанца сатоссучу хенахь шен кийра муха шатайпа цхьа тамашийна синхаам буссура. Ша йоккхучу хенахь и сурт хIора а Iуьйранна шена духьал хIуттуш доллушшехь, иза цец вийлина ца вуьйлура Даймехкан Iаламан исбаьхьа хазаллех.
«Ламанца Iуьйре даима а екхна хуьлу, мелачу мохо безамца хьоьсту хьан дерриге а дегI. Моттало и Iуьйренан хIаваъ ахь куьйг Iоьттича хьуна хаалуш ду. Тхан юьртан цIенойн тхевнаштIехула меллаша бIаьрг тоьхча — доггах дуьйцура кIанта — цкъа хьалха гучуболу ламанийн кIажехь Iуьллу луьстачу хьаннийн и сийна хIорд, ткъа цул тIаьхьа хьан бIаьргаш хьоьстуш и сурт лакхене долу, кхин а леккха, кхин а лекха гучудовлу замано къеждинчу нохчийн ламанийн баххьаш. Ламанан луьстачу хьаннийн и баьццара дуьне самадоккху олхазарийн зевнечу иллеша а, дашочу маьлхан зIаьнарша а. Цу хьаннашка бIаьрг тоьхча хетало малх хIора а дитте маршалла хоттуш бу, хIунда аьлча цуьнан зIаьнарш ца кхочуш ца дуьссу цу хьуьнхахь цхьа а дитт. Хьаннаша хьулдинчу лаьмнашна тIехьара гучудовлу ло санна кIайчу лаьмнийн баххьаш. Уьш кхарел лекхох ду, хетало цара сийначу стиглахь мархашца цхьаьна нека до. Хетало и мархаш лаьмнашка бахначу безамо стигланца къастийна церан кортошка йиссийна. Дагалецамаша тIома ваьккхина ИбрахIим шен генарчу хIусаман кетIахь лаьттара, Даймехкан хазаллех бер санна воккхавеш. Цуьнан къамелехь цхьа тамашийна мукъам хезара. Цу мукъамехь гIайгIа хазахетарца хийцалора, цу мукъамо чаккхе йоцуш хестайора Iаламан сийлалла. Хеталора и мукъам лаьмнаша язбина бу. Цо тоьшалла дора Iаламан лаккхале адам кхочур ца хиларан. Цхьаьна а илланчан похIма тоьур дац, шен мукъамехь хазийта хIаваан къамел а, гIа-патарийн шабарш а, чIург етташ догIучу шовданан декар а, ламанан чIожехь чухецаделла цкъа Терках кхетта, юха Таркхойн хIордан сийначу тулгIешца дIаэ хьаьгначу Органан и буьрса гIовгIа а. И ша дерриге а гайта а, хазийта а аьтто хир бац цхьаьна а суртдиллархочун а, я илланчин а. ИбрахIиман ховхачу деган къайленашкара схьаоьхура и дешнаш, амма хIете а цунна хеталора хьомечу Даймехкан хазалла йийца уьш кIезиг ду. Иза дIатийра… бIаьргаш хьалха лаьттара дай баьхна латта, ойланаш йийсаре лецира Даймейхкан исбаьхьа васта…
ИбрахIима сел хаза, сел боккхачу лазамца а, мерзачу безамца а буьйцу шен и шатайпа Даймохк йоьIан бIаьргаш хьалха дIахIоьттира. Цунна моьттура ша а лаьтта хIинца цу леккхачу лаьмнийн когашкахь, церан йист йоцучу сийлалло Iадийна. Цуьнан сина а, дегIана а хаалуш бара цу лаьмнийн лайш юкъара схьахьоькху и маршонан мох. Цунна хьалха лаьттара цигара маьрша адамийн и шатайпа васташ — церан доьналлех а, дахаре болчу безамах а дуьзна и сирла аматаш. ЙоI кхийтира хIунда ву ишта чIогIа ИбрахIим массарех а къаьсташ. Лаьмнийн кийрара схьаваьлларг массарех а тера хуьлийла дацара, цундела вара иза ишта нуьре, ишта хаза, ишта зоьртала. ЙоьIана хиира хIинца иза хьанах тера ву — иза шена дезначу ламанех тера вара…
Цу шиннан къамел деха хилира. ЙоьIана а, кIантана а лиира вовше довза. Церан бIаьра хьаьжча гуш дара хIара цхьаьнакхетар тIаьхьало йолуш хир дуй.

Ольга а, Галина а цIа а кхетийна, ИбрахIима а, Юрийс а церан телефонийн номераш йийхира, кхи дIа а зIене бовла. Кегийчу нахана ца хаьара рогIера мокъа вала маца йиш хир ю.

Маьлхан къегина зIаьнарш корах чухьоьжура, йоьIан къоначу дагах самукъне гилгаш а дохуш. Ойланаша хьийзош, ехачу аьхкенан буса йижна яцара йоI. Са хуьлуш бен набарна дIа ца тевжира иза, цундела башха тховса дог догIуш яцара Ольга. ДегIах хи а кхерзина, кухни чуяхара иза. Марта диъна а яьлла, телевизор хьалха охьахиира Ольга, амма цу чохь а дацара гойтуш башха адамийн самукъа дер долуш хIума.
Жимма хан яьлча Галинига телефон туьйхира Ольгас. Цхьацца дуьйцуш, хабаре яьллачу шина йоьIан къамелан тIаьххьара а коьрта чулацам хилира селхана вевзина ши кIант. Шортта дара цу шиннах лаьцна дийца хIума, цундела мехкарийн сацам хилира юха а цхьаьнакхета. Селхана шаьшиъ леллачу парке а еана юха а гIанта охьалахъелира ши йоI. Гена доцуш лаьттара и ши йоI санна къона а ховха а долу кIайн даккх. Цо мехкарий аьхкенан йовхонах ларбеш, комаьршаллица шен IиндагIа кхийдадора.
Ма дукха дара зудберийн дийца, ма къоналлин цIергахь догура, духхьара синхаамо хьаьстина и дегнаш. ХIоранна а хетара ша хаьржина волу кIант хазох а, дикох а, тоьлла а ву. Карарчу хенахь зудберийн цхьа сингаттам бара — маца вера ву теша и шиъ зIене? Вера а вуй теша? Галинин ойла кхоллаелира — нагахь санна кху кIиранан дийнахь ши кIант гучу ца валахь, и шиъ шаьшиъ тIеман декъе гIур ю. Бахьана каро хала дацара — сиха гIуллакх нисделла Ольги да волчу еанера ала мегар ду, я капитан Литвинов волчу. Амма Ольгина Галинас аьлларг хаза ца хийтира, хIунда аьлча йоьIана хаьара шен да реза хир воций.
Мехкаршна хазбеллачу кIентийн коьрте а догIур дацара, шаьш дегнаш даьстина йолчу шина йоьIах цхьаъ подполковник Тарасовн йоI юй. Амма ишта ду-кх дахар, шен къайленех дуьзна.



























                Безаман Къа

Зина бехкаман ницкъаца
ТаIзаре дуьллу
                I
ДIаделира цхьа кIира. Кегий нах кхи зIене ца бевлира. ШолгIа кIира а дIадахара мехкарша гIайгIане садетташ. Эххар а шотдийнахь Юрийс Галинига телефон туьйхира кху кIирнахь шаьшиъ ИбрахIимца вогIур ву аьлла уьш дуьххьара гиначу меттиге. Хаза хетта ког лаьттах ца кхеташ, Галина едда яхара Ольга йолчу и кхаъ эцна. Цо сацанза неIан горгали боьттура, амма неI схьайоьллуш цхьа а вацара. Эххар а лифтан гIовгIа хезна дIахьаьжначу Галинина гира шен ненаца чуйогIу Ольга. Вера Степановна шена ца гуш санна Ольгина мараетталора Галина. Ольга-м сиха кхийтира шен накъост стенах йоккхаеш ю. Цу суьрте хьоьжуш, йист ца хуьлуш лаьттина нанас, эххар а собар кхачийна элира:
— Собар де-кх шиммо а! Ма бишк тухур ду ас шуьшинне а.
Ткъа дегнаш иракара хIиттинчу шина йоьIана-м и кхерам хезаш бацара.
ТIекхечира мехкарша сатийсина шотде. Кегий нах зезагийн курсаш а эцна баьхкинера. Цу гIуллакхо кхин а чIогIа ирсе йинера ши йоI. Бакъ волчу тIемалочун хотIехь волчу шина кIанта бен доцуш ца юьтура мехкарийн ойланаш. Ма эсала елакъежара и шиъ кIенташна, азаллехь дуьйна и шиъ вевзаш волуш санна.
Уьш бехха Iара паркехь, къамел ца хедаш. Малхана гуо туьйсу дуьне санна чехкачу боларехь церан кхетамна тIегIертара безаман синхаам. Кегийчу наха сарралц цхьаьна хан яьккхира. ХIинца дуьйна и тайпа цхьаьнакхетарш кест-кеста хуьлура церан.
РогIера цхьаьнакхетар дийцаре деш, ИбрахIиман а, Юрийн а сацам хилира шишша дIасакъаьстина хан яьккха. Цундела рогIера цхьаьнакхетча Галина Юрийца паркехула йолаяла яхара, ткъа ИбрахIим Ольгица гIанта охьалахвелла хан йоккхуш Iара.
Маржа-яI жималла! Ма хьере хуьлу-кх хьо синхаамо йийсаре лаьцча. Кегийчарна шайн синхаам чIург етта догIу шовда санна цIена хетало, царна ца хаьа иза эххар а гIалато шен йоьзачу мIаранашка лоций. ИбрахIиман кийрахь боьдуш боккха къовссам бара — Iадато къуьйссура цу йоьIе баханчу безамца, иза дегIаца а, сица а ерриге а йовза дагчохь кхехкачу лаамца. Хьекъало, кхетамо кхойкхура цуьнга, доьхура цуьнга:
— ДIагIо! Дохко вала! Ма кховда цунна тIе! Ма латаде хьайх къа! Ма делла айхьа хьайна жоьжахатан кевнаш!
Амма бIарзделла са а, дегI а хьекъалан аз хаза къора хилира. Цу хьере лаамо чуьра дуьйна хIаллаквеш вара иза. Цо вадийна вуьгура иза бух боцучу Iин йисте. Ма чIогIа марзлуш хиллера ца магийнарг. Цуьнан чам бовза цу Iин йисте шайтIано тоьттура иза. Харц лаамо машано санна лецира къона дог. Амма латийна къа мел мерза хилахь а, цуьнах хуьлучу таIзаран къаьхьо а ма еза Iовша…
Ешна книгаш, гина фильмаш йийцаре еш, дехха къамелех тоам ца хуьлура безамо дахийначу шинна. Йилбазан мох хилла хьевзира церан вовшашка кхийда и хьере ойла. Цкъа меллаша, юха чIогIа йоьIан куьйг шена кераюкъехь Iевдира ИбрахIима, ткъа юха цуьнан йовхонах шен кийра бузош, маракъевлира. Цуьнан белша тIе корта а биллина ИбрахIиман бIаьра хьаьжира Ольга. Ма дукха хIума дуьйцура цу бIаьргаша, ма кхойкхура цара, ма лоьхура цара иза, ма кхерстара цу бIаьргашкахь и йовха алу. Дуьххьара шен дахарехь, цуьнан дерриге а дегIах цIе латош, йоьIан ховхачу балдийн чам хиира ИбрахIимана.
Ма боккха бу безаман ницкъ. Цу синхаамо а бен ца ло адамашна дош даше ца долуш вовшех кхета аьтто. ХIунда аьлча ша дерриге а бIаьргашчохь яздина хуьлу. Бакъ болу безам даима дахаро зуьйш бу — халонех, бIаьрхих, деган лазамах чекхболу иза, амма цу халонаша чахчийна безам, ламанца дистина догIучу ахкано шарбина кхера санна цIена хуьлу. Массарна а белла бац и синхаам. Цкъа мукъне а шен дахарехь иза бевзинарг дуьненчохь ирс гинарг лара мегар ду.
ИбрахIиман а, Ольган а юкъаметтигаш де дийне мел долу чIагIлуш яра. Муьлха а мокъа минот яьлча цхьаьнакхетара уьш. Цхьаьна къомах а, цхьаьна динах а доццушшехь, ма чIогIа йоккха уьйр яра цу шинна юкъахь, хIунда аьлча цара къамел дийриг безаман мотт бара. Мотталора цу шинна юххера дуьне сецна, оцу кепара цхьа хIума гуш дацара царна. Цу шинна ца гора шаьшинна тIегIерташ эладиттнийн дохк дуйла.
Царна юкъахь яьлла цIе кхин а чIогIа марсаелира ИбрахIим Ольга йолчу хьошалгIа веанчу дийнахь. ЙоьIан да-нана Къилбе хIорда йисте садаIа дахана дара. Юхьанцара ца хIуттура Ольга ИбрахIим хьошалгIа кхайкха, ша цунна атта хетарна кхоьруш, амма хIете а цуьнга болчу безамо дIаеккхира и шеко.
Чохь дезарш деш йоллура йоI шен веза хьаша тIеэца. Чоьхь хезара са тедеш, цхьа тийна мукъам. ИбрахIиман кочахь хIоз хилла хьаьрчира йоьIан ховха ши куьйг, ткъа цул тIаьхьа юха а цуьнан дегIан шатайпа йовхоно вадийна ворIх ломал дехьа воккхуш санна хеталора. ИбрахIиман карахь эрз санна юьткъа яра йоI, цуьнан цу жимачу дегIаца кхийлина бара кIентан берриге а лаамаш. Шен кийрахь хиллачу цу тIамехь эшнера ИбрахIим, эрна хиллера кхетамо биттина мохь, эрна хиллера дагца къиссар, эрна хилира шайтIанца къиссар — цо толам баьккхира. Цкъа а диц ца дала дагчохь диссира цуьнан довха садеIар, цуьнан дерина дина санна долчу дегIан массо а сиз. Ткъа йоI ирсе яра. Муьлха а зудчо шен дахарехь сатийсина ирс хьаьрчира цуьнан сих а, дегIах а. Иза кийча яра цуьнан карахь яга…
Ирс гIан санна доца ду, ирс ткъес санна чехка ду. Къастаран мIаьрго мел юха теттарх ца Iаш тIекхочу. Цо иза неIаре кхаччалц новкъаваьккхира. Ткъа кIанта цуьнан лере а теIна элира:
— Суна сайна дахарехь гина дацара ишта хаза хIума… хьоьх тахна сан дуьне ма хили…
Амма ца магийначу безаман марзо кхетамо сиха къахьеш хиллера. Ша цу чуьра ара воллушшехь минот хьалха дегIах а, дагах а хьаьрчина цу йоьIан и йовхо ИбрахIиман кийрахь хийцира шелоно. Иза кхетара ша тховса Iадатна ямарт хиллий, дас шена чудиллиначу гIиллакхашна ямарт хиллий, ткъа иза лан хала дара. Хала дара ИбрахIимна кхета шен дегIан лаамна ша тховса эгIаза хиллий. Оцу ойланаша хьере вина дIа кхечира иза тIеман декъе…

                II

Ольги да-нана цIа деанчул тIаьхьа, доллучу хIуманан бала кхочучу лулахоша, Ольги нене сихона дIадийцира цуьнан йоьIана тIехьийзаш Кавказера кIант ву аьлла. ЙоьIе хIуммаъ а ца олуш, Вера Степановнина ша дерриге а хиира оцу кIантах лаьцна. Кхи дIа биначу талламашца иза кхийтира хIинцале хIара гIуллакх саца ца дахь, иза гена долуш дуйла. Иза шен хIусамдеца дагаелира, цуьнга ша дерриге дIа а дуьйцуш. Ткъа Ольги дена сиха хиира цу хьолера кIелхьараволийла. Цо сацам бира Хабаровск гIаланна сихонца ИбрахIим гена ваккха.
Подполковник Тарасов Николай Петрович эпсаршна а, саьлтишна а юкъахь а кIоршаме амал а йолуш, шен куьйгкIелахь болчарна жимма а гIалат ца могуьйтуш волу куьйгалхо санна вевзаш вара. Дахарехь уггаре а деза хIума дара цунна шен цхьаъ бен йоцу йоI. Иза кийча вара цуьнан дуьхьа шен ницкъ кхочург дан, амма нагггахь нислуш хуьлу де-ненан и тайпа бIаьрзечу безамо беран дахар талхош меттигаш.
Тарасовна Тасуев ИбрахIим уггаре а тоьлла саьлти санна вевзара, амма подполковникана коьрте а догIур дацара иза шен йоьIана везалур вуй. Цуьнан йоьIана, цуьнан хьоме Оленькина везавала йиш яц цунна цхьа а кхане кховдор йоцу кавказхо, цул совнаха цуьнан дай а хилла махкана ямарт бу аьлла цIера баьхна. Цо цкъа а могуьйтур дац шен йоьIана и санна дерг.

Нийсса ши кIира далале лаккхара сержант Тасуев ИбрахIим Афганистане дIахьажочу шайнлаамхойн тобанна юкъавахийтира. Цунах лаьцна ИбрахIимана ша новкъавала масех сахьт диссича бен ца хиира, цундела кIентан аьтто ца белира Ольгин Iодика ян а.
Холчу хIоьттинчу ИбрахIима Юрийга дийхира Ольга йолчу а гIой, цуьнга и шена йиц ца еллий а, ша и йолчу вогIур вуй а дIахаийта аьлла. Амма Юрийс шен гIайгIа ца лечкъош элира доттагIчуьнга:
— Сан аьтто хир бац хьан дехара кхочуш дан, хIунда аьлча со а ву хьоьца цхьаьна Афганистане дIавоьдуш. Амма вайшиммо и гIуллакх Москвара сержантана Крушинский Сергейна тIедуьллур ду. Цо иза кхочуш ца деш дуьтур дац, цундела сихонца хьайн кехат кечде.
ИбрахIима схьадаьккхира шен кочахь кхозуш хилла дато сом. Иза нийсса юккъах дийкъира цо. Сом беттасан кепехь хилира. Цуьнан цхьа ах шен коча тессира цо, ткъа важа кехатана юкъа а диллина Крушинскийга дIаделира. И сом эскаре воьдуш нанас делла дара цунна.
Хедас дукха жима йолуш дуьйна безамца лардеш лелош дара иза.
Цунна и шен ненера кхаьчнера. ИбрахIиман неннанас нохчийн къам Казахстане махкаха даьккхинчу хенахь хийлозза мацаллех шен доьзал ларбеш бепигах я, шуранах хуьйцура иза, амма юха а шен аьтто боллушшехь цIа дерзадора.

Юра а, ИбрахIим а Афганистане дIавахара. Дато соьмаца кхечира Ольге и шийла кхаъ. Везарах къастар чIогIа хала лайра йоьIа. Ткъа дас-нанас цуьнан сатедеш сих-сиха олура:
— Гой хьуна! Боккъалла а хьо езаш хиллехь, иза цкъа а гIур вацара тIеман кIурла!
Ольгина шен дахарехь кхин ца хиира да-нана бехке дуй ша везначух къасторна. Цуьнан кехат юх-юха доьшуш, йоI тешара иза шена кеста гур хилар. Иза дукха хIумнах ца кхетара, муха нисделла хIара ша дерриге а ишта, амма мухха а делахь а иза тешара кIентан безамах, тешара иза юха воьрзур хиларах. Цхьаьна книги тIехь дешнера цо ширачу Грецехь дукха чIогIа безам къа а лоруш, безнарш къастош хилла бохуш. ЙоьIана ша бехке хетара сел чIогIа ИбрахIим веза а везна цунах къастарна.

Жимма хан яьлча, шен кийрахь хуьлучу хийцамашца Ольга кхийтира ша доьзалхочух юй. Цо чIагIо йира и бер дIа ца доккхуш дан а, кхио а. Иза тешна яра ша ИбрахIимана кIант вер ву аьлла. Кхолламо хIун хьоьху ца хаьара йоьIана, амма хIинца дахар деса ца хетара, дахаран маьIна цуьнан дагца нийсса кийрахь детталора. Ольгас хIинцале сатуьйссура ша вина кIант воккха хилча я лор, я хьехархо хиларе, хIунда аьлча ИбрахIима а ма дуьйцура шена бераллехь хьехархо хила лаьара бохуш. Иза тешара ша дерриге а диканца дIадоьрзур хиларах. Ойланаша лаьцна ехха Iаш яра иза ИбрахIима совгIатна еанчу Лермонтовн «Кавказан поэмаш» книгин агIонаш дIа а луьстуш.
Цу книгас дуьххьара ИбрахIим вевзинчу дийнахь санна юха а ядийна нохчийн лаьмнашка йигира иза. ХIинца и шатайпа мохк хийра бацара йоьIана, хIинца цуьнан кийрахь кхолладелла и жима са нохчийн лаьмнийн тIамарах схьадаьлла ма дара. ХIинца кхи тайпа хьоьжура йоI дахаре. Дас дийцинарг а шеконе дуьллура. Хуьлийла дац и тайпа доьналлех боьттина нах Даймахкана ямарт, хуьлийла дац лаьмнашкахь кхиънарш кIиллой. И цхьа гIалат ду… дахар дуьзна ма ду цу гIалатех. ИбрахIимах хIара къастар а ма ду дахаран цхьа Iаламат доккха гIалат.

Чехкачу догIанан Iовраш санна йоьIан юьхьтIехула охьахецаделира бIаьрхиш.
— ХIунда хили те хьо соьца сел къиза? — цхьа къора мохь белира йоьIан кийрара.
Хаац хьанна хьажийна дара цо и хаттар — я кхолламе, я шен безаме, я дерриге а дуьнене. Цунна цкъа а карор дац цу хаттарна жоп. Цуьнан дагчуьра Iийдало и бIаьрхиш цхьаъ цхьанна тIаьхьа йоьIан карахь долчу ИбрахIиман суьрта тIе лоьгура… цо белхабора шена кхин ган ца боьгIна безам…
 

                III

ХIуммаъ тIекаре ца хиллера Афганистан пачхьалкха. Я бехк а бац. Цхьанна а безара бацара шеца Iожалла яхьаш богIу хьеший. ИбрахIимана хIинца хийлозза дагатуьссура воккхах волчу вашас СаьIида дийцинарг, цо шега деш хилла долу хьехарш. Ма бакъ луьйш хиллера иза. Интернациональни декхара, афганцашна оьшу гIо — иза ша дерриге а башха кIоргера ойла ян ца хуучарна лерина долу деса къамелаш хиллера. Цига дIакхоччушшехь кхийтира цунах ИбрахIим.
Маьрша адамаш дайар а, гIаланаш а, ярташ а тIе бомбанаш етташ хIаллак яр а цхьаьна ца догIура Советски Союзан пропагандица.
Юккъерчу бIешерашкахь дуьйна йина хилла и шира гIаланаш а, ярташ а, адамийн цхьа декъаза Iер-дахар а, аккха Iалам а — афганцашна гергара делахь а иза ша дерриге а, амма советски саьлтишна ма хийра дара иза. Цундела ца кхетара уьш вовшех. Дийнахь юьхьаьнцара сел маьрша хета афганцаш хIора буса кара герз а оьций, мостагIашна дуьхьал тIом бан арабовлура. Советан Эскарехьа берш а бара кху махкахь, амма церан терахь вуно кIезиг дара.
Ша лелош дерг харц хилар дагчу тассаро новкъарло ца йира ИбрахIимана цу тIамехь шен йист йоцу къонахалла гайта. Иза майраллица воьдура муьлха а кхерамна дуьхьал, доьналлица чекхволура тIеман халонех. Кавказера волчу цунна кхи болчарел аттох дара ламанийн некъаш цеста а, йовхо лан а.

Кандагарана гена доццуш хиллачу цхьаьна къиза латарехь ИбрахIима куьйгалла деш йолу отделени шен кхиамашца массарел а къаьстира. Ялх сохьтахь цхьаьна а шайн стагах ца хедаш, сецийра цара шаьш дIалаьцна лекхалла. Цу тIамехь доьналла гайтарна ИбрахIимна орден а елира, иштта бархI денна цIа ваха мокъа а витира. Иза лаккара совгIат дара. Амма ИбрахIим цIа ваха ца тигира, хIунда аьлча кхуьнан доттагIа Крутов Юрий лазийнера. Иза кхуьнца цхьаьна батальонехь вара, амма талларан ротехь. Церан взводана кIело йинера. Юрий чIогIа лазийнера — пехах а хьакхалуш, букъчухула чекхяьллера цунна даьндарг. Тамашийна хIума дара иза дийна виссар а.
ТIеман накъосташа хала араваьккхира иза кIело йиначу меттигера. Крутов лазийначул тIаьхьа ИбрахIим цуьнан метта талларан ротан командиран гIовсан дарже дехьаваьккхира.

ИбрахIима Афганистанехь шо сов хан йоккхуш дукха хIума хилира. Лазамо дог Iийжадора цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа тIеман накъостий дIаоьхуш. Кхузахь хиира доттагIаллин мах а. Сацанза Iенара цIий, даима юххехь хеталора Iожаллан и шийла садеIар. ТIамна хууш хиллера бакъ долчу дахаран чам ма-барра бовзийта. Хеталора дуьненахь гиначу жоьжахатан цIе цкъа а ца ян летта ю кху дакъаза бала хьаьхначу махкахь.
ИбрахIима сих-сиха кехаташ яздора цIерчаьрга. Цаьргара жоп а догIура. Амма ИбрахIима Ольге дахьийтиначу цхьаьна а кехатана жоп хIинца а деъна дацара. И бахьнехь иза боккхачу сингаттамехь вара. Цул совнаха ИбрахIима тIеман декъера шен накъосташка яздинчу кехаташна а ца догIура жоп, иштта Крутовс Галине яздо кехаташ а дуьссура дуьхьал жоп доцуш. ИбрахIим кхеташ вацара хуьлучух.

Цуьнан сатеда гIерташ, Юрийс олура Тарасовс дикка ларъечух тера ду шен йоI нохчочуьнца хила тарлучу юкъаметтигах. Цундела накъосташа сацам бира «гражданке» цIа дахча меттигехь ша дерриге а къасто. Чевнаш йирзинчул тIаьхьа Крутов демобилизовать вира могашалла бахьана долуш.
РогIера латарехь жимма лазор бахьана долуш ИбрахIим юха а совгIатца билгалваьккхира. Цунна елира «Доьналлина» мидал. Лазаран цIийнахь цхьа бутт а баьккхина, ИбрахIим аравелира. Кестта чекхелира тIеман декхара дIакхоьхьу хан а. ИбрахIим старшинан цIе а елла, демобилизовать вира. Кабулан тIеман аэродромера иза кеманахь Москва дIавогIуш вара шеца цхьаьна эпсараш а, сержанташ а, саьлтий а, иштта лазийна берш а болуш.
ТIеман-транспортни кемано хала бора стиглахула и некъ, Iожаллин йозалла эцна доьдуш долуш санна. Цу чохь Iаш болу нах а бара кхоьлина яьххьашца, ойланийн йийсарехь Iаш. Шаьш нехан махкахь йитина и ирча лар, Iийжара церан дегнашкахь. Шайгахь мел хилла дикалла, адамалла охьаийллинера цара цигахь Афганистанан цIий хьуьйдиначу лаьттахь, ткъа хIинца цаьргахь йиссинарг оьгIазло бен яцара. Хала ма ду дуьненчохь ваха дагчохь гIамаран буьртигал а дикалла а йоцуш. Ткъа цара шайн дахарехь мел хилла дика дайинера Афганистанан цу акхачу лаьмнашкахь. Царех хIораммо а ойла йора кеста гур болчу гергарчу нехан.
Ма хьаьгнера уьш церан марзонах. Ма дукха сатийсинера цара шаьш сел къиза хIаллакбечу цу декъаза махкара сихонца арадовларе. Ткъа эпсаршна юкъара цхьа верг-м, тIеман декхара бахьнехь юха цига дIаваха а тарло… тарло гуттаренна цигахь висса а. Царех хIора а шен Даймахка юхавоьрзуш вара хара санна беса кийра а болуш. Ткъа дуьххьара тIом бан боьлхучу хенахь-м цаьрга аьллера Даймехкан декхаро уьш гIовттийна хилар, Даймахкана цкъа а шен турпалхой бицлур ца хилар. Ма дегнаш ира-кара хIиттина кхаьчнера уьш цига дIа. Ма кIезиг хетара Даймехкан дуьхьа дIалуш долу са а. Ма дозаллех буьзна бара уьш дуьххьара къиссаме гIовттуш. Амма хIинца кема шен болар сихдина мархашка айделча цхьаьнан а лаам ца хилира юха хьаьжна, шаьш бохийна, баржийна охьакхоьссинчу махке тIаьххьара бIаьрг тоха…































                Дай баьхна Латта

                I

Москва — Соьлжа-ГIала цIерпошта схьакхачийра ИбрахIим Соьлжа-ГIалин аьчка некъан вокзале. Таксисте ша мича вига веза дIа а аьлла машенчу хиира ИрахIим. Даймахкаца цхьаьнакхетта хиллачу хазахетаран доза дан а дацара. Цунна шена а ца хаьара ша ишта Даймехкан марзонах хьаьгна хиллий. Ма шатайпа хаза яра Соьлжа-ГIала кху гуьйренан Iуьйранна. ИбрахIима бIаьрг тIера ца боккхура машенан корах арахьаьжча шена гуш долчу суьрташ тIера.
ДIауьдура дезна урамаш. Хеталора цу урамашкахула дIавоьду хIора а стаг гергара а, уллера а ву. Соьлжа-ГIалара арабевлча, гучуевлира и нохчийн шера аренаш. Ткъа юха ма чехка деттадала доладелира дог — хьалха лаьттара лаьмнаш. Хьомечу юьртан кевнаш санна лаьттара уьш. Къаьсттина хаза хуьлура уьш Iуьйранна, стигланан сийналла шайн кортошкахь лепош. Шатайпа хаза ма яра ИбрахIиман юрт — хеталора шерачу аренийн синтемо хьоьсту къежделла лаьмнаш. Муьлхачу а меттигера бIаьрг тоьхча гуш хуьлура лаьмнийн кортош, мохо техкош лаьттачу цу сийна варшашкахь наггахь гучудовлура дийнатийн гIаларташ. ПохIма долчу суртдиллархочо басарш ца кхоош йиллина говзар санна ма яра хIара юрт. Ма хала дацара кхузахь вала а, ваха а, къийсса а.
Арахь гуьйренан шело йоллушшехь, машенан кор охьадахийтира ИбрахIима — дерриге а дегIах хьаьрчира маьршачу лаьмнийн хIаваъ. Хеталора цу хIаваа нехан махкахь кхо Iанийначу цIийх хIара цу мIаьргонех цIанви. Генна дIахьаьжча, ма герга хетара и лаьмнаш.
— Да висса, Нохчийчоь… йиш ялара хьо, доггах маракъовла — цу ойланаша лаьцна ИбрахIим минот яьллехь шен урамна тIехволуш хиллера. ЦIахь хаьара хIара кху деношкахь цIа кхочуш вуй, амма ца хаьара тховса вогIур вуй. Кийра буьзнера ИбрахIиман кестта шен доьзал гур хиларах. Амма цуьнца нийсса, дагах хьерчара гIайгIа а.

Москвахь ИбрахIим Крутов волчу вахара. Цигахь цунна хиира Ольгех хилларг. Крутовс халахетарца дийцира цуьнга Галинас шега даийтинчу кехата тIехь яздина хилларг. Галинас дуьйцура ИбрахIимера а, Юрийгара а кехаташ шаьшинге а ца кхочура аьлла, схьахетарехь Ольги да бахьана долуш. СабIарзделлачу шина йоьIа-м Литвиновга а гIо дехнера, амма капитана гIо дийр ду аьлла ша делла дош кхочуш ца динера. Ольга доьзалхочух яра. Мел дехарш дарх, мел кхерамаш тийссарх, ша маре а яханза деш долу и бер цо дIа ца даьккхира. Бер деш Ольга дIаелира. Лоьрийн аьтто ца баьллера бер мукъне а дийна диссийта. Ольги да-нана керла белхан меттиг бахьана долуш Ленинграде дIадахана.
И кехат доьшуш Юрий охьавоьлхура, амма ИбрахIиман бIаьргах хин тIадам а ца белира. Иза генарчу геналле леррина хьоьжура. Лазамо сел чIогIа Iовжийна дог тхьуздоьлча санна дара, цундела бIаьрхиш а ца догIура. Цуьнан шеко яцара Ольга яларан бехк шен хиларан. Цунна ша бехке хетара пачхьалкхан и маьттаза политика бахьана долуш шен сих ваьлла доьзалхо а, шен езар а шен ларда аьтто ца баларна. Нехан махка цхьанна а ца оьшу тIом беш, нехан цIий Iаночул, атта дацара хьайн безам ларба, хьайн бер ларда араваьллехь? И тIом герзаца бан безаш а ма бацара. ХIара стенна ваха веза хIинца? Мичахь ду дахаран маьIна? ХIара ма вара Iожалло лаца везаш верг, иза ма яцара. Стенна до те кхолламо сел къиза таIзар? Мокхазан берд санна хилла цуьнан и синтем цIаьххьана бIаьстенан стиглахь тоьхна ткъесс санна иккхира.

Цо ийззош схьа а йохуш, охьакхуьссура шена тIера орденаш, погонаш. Юха тIера схьаяьккхина китель охьа а кхоьссина тIе мираш хьийкхира цо цунна. Юрийс и меттавало гIерташ, нуьцкъала ИбрахIим гIанта охьа а хаъвина, хи делира цунна. ИбрахIима масех къурд бира. Юрийс холодильникчуьра къаьркъан шиша схьала а даьккхина, мала элира Ольга а, бер а дага а лоцуш, амма ИбрахIима жоп делира нохчаша белла нах къаьркъанца дагалоцуш ца хуьлу аьлла.

Юрийс хаам бира кху деношкахь Галина схьаеъча, шаьшиъ доьзал кхуллуш хиларах лаьцна а, хIара тойнехь ган шайна чIогIа лууш хилар а. Накъосте и хаам беш, Юрий ма-хуьллу гIертара шен хазахетар къайладаккха. Цо и ИбрахIиме дийцаран бахьна дара диканехь а, вуонехь а доттагIа шена уллохь хила лаам буйла дIахаийтар.
ШолгIачу дийнахь цара ИбрахIимана бедарш ийцира, хIунда аьлча цо сацам бинера кхин цкъа а шен дахарехь тIеман духар тIедоьхна ша гойтур вац аьлла, ткъа орденаш а, мидалш а накъостана дIаелира. Цул тIаьхьа Юрийс ИбрахIим Курски вокзалера новкъаваьккхира. Накъостий дIакъаьстира вовшашка кехаташ яздан а, гергарло лелон а тешо а йина.

…Машен юьрта чуйогIуш яра. Дахаро Iовжийначу ИбрахIиман дагна молха хилла схьахIоьттира хьомечу юьртан сурт. Ма кхехкаш дара кхузара дахар. Массо а маьIIера схьахезаш яра зIаькардаьхниша ен гIовгIа, гуьйре ялахь а, хIинца а баьццара лаьттачу дежийлашка дIаоьхуш дара бежнаш а. Юьртан урамаш декош, ловзура бераш, шовданера хи эцна богIура зударий, цIен тIехь дан дезарг дийцаре а деш. Ма хаза дара, ма цIена дара кхузахь. Ма шатайпа синхаамех буьзнера кийра. Охьакхетта лазийна бер, сиха шен нанна тIекхача лууш санна, кху юьрта кхача хьаьгна вара ИбрахIим. Хеталора урамаша а ерзор ю кху тIаьхьарчу шерашкахь цуьнан дагна а, дегIана а дахаро мел йина чевнаш.
ИбрахIимал а чIогIа самукъадаьлла вогIура таксист. Машенан сихалла лахъйина, меллаша вогIура иза урамехула сих-сиха сигнал етташ, адамийн тидам тIе а берзош. Цецбевлла нах арауьдура шайн цIеношчуьра, хилларг хIун ду ца хууш, ткъа бераша хазахетарца маьхьарий деттара.
Эххар а ИбрахIиман керта кхечира машен. Чохь мел верг арахьедира, ткъа массарел а хьалхаяьлла йогIура нана — ИбрахIиман дахарера уггаре а сирла а, хаза а амат. Цхьа да виссира ара ца волуш. Ишта мехала минотехь а къонаха, къонаха хуьлуш товш ву. Хазахетар а, халахетар а цхьаьнаэшшара лан хаьа деза цунна, шен дагахь дерг уггаре а безначарна а ца гойтуш. Массо а ИбрахIим ган сатесна хиллехь а, амма таксист ца хиллера иза ишта атта шен цIа вохуьйтур волуш. ИбрахIиман агIонера машенан неI дIа а къовлуш, цо мохь туххуш, элира:
— Аш шина шарахь ган сатийссина волу кIант
Соьлжа-ГIалара дуьйна могуш-маьрша шуна схьакхачавина ас. Кхо дийцарехь, хIара эскарера вогIуш ву, тIеман духара-м дац кхунна тIехь бакъдерг дийцича, амма шун бIаьра хьаьжча а гуш ду хIара харц луьйш воций, амма хIете а суна буьззинчу барамехь тоьшалла оьшу!
Хеда шен кIант маракъовла хьаьгна хиллехь а, амма хIете а таксистан забарна тIетайра. Цо элира ша муьлха а хIума дIадала кийча ю, къизачу таксиста шен кIант маьрша витичхьана. Ткъа таксист реза хилира цхьаьна уьстагIан метта ИбрахIим волчарга дIавала. Цу тIехь сихонца барт а хилира. УьстагI таксистан багажникана чубуьллушшехь ИбрахIим машенчуьра араиккхина шен ненан марахьаьрчира. Ткъа гIуллакх хилла таксист доьзало шайца хазахетар доькъуш саца аьлча а ца туьгуш, машене кIур эккхийтина дIавахара.
Массо а чоьхьавелира. Ма эрна дара Заурбека шен синхаамаш лечкъо гIертар. Цунах кхеттачу ИбрахIима сихонца маракъевлира да. Массарна а гора цу шиннан и шатайпа юкъаметтиг. Заурбекана мел ца лиънехь а амма, цуьнан чIагIдала гIертачу дагна тешнабехк беш, беснитIехула охьахьедира бIаьргара хин тIадам.
Ма гуш дара Заурбекана шен кIант хийцавеллий. Тера дара эскарехь даьккхиначу шина шаро цуьнан дахарехь йоккха лар йитиний.
— Йа АллахI Дела, Iалашве ахь сан кIант — шен дагахь элира Заурбека.

ТасуевгIеран хIусамехь доккха той ду. Геннара гуш ду диллина кевнаш. Дика а, вуо а тIедеъча нохчаша даима схьадоьллу кевнаш, оцу кепара цара гойту дика а, вуо цхьатерра ца духучу доьналлица шаьш тIелаца кийча хилар. Ма доккха маьIна ду цу ламастан. Ма гойту цо нохчийн къоман син-оьздангаллин бух, цуьнан собар, кхетам, хьекъал. Цундела хир ду-кх нохчийн къам бIешерашкахь дуьйна я кхолламе а, я мостагIашка а къар ца луш, кху дуьненан букъа тIехь шен сий долу меттиг дIалаьцна лаьтташ.
Тахана Заурбекан керта дика деъна — эскаран халонаш а лайна, тIеман кIурлахь шен доьналла а гайтина цIа вирзина цуьнан жимох волу кIант. Керта хаддаза схьаоьху нах — гергарниш, накъостий, лулахой, бовза-безарш. Заурбек кхета нагахь санна шен керта вуо деънехь а, уьш иштта схьаоьхур бара. Иза ду и гIиллакх — нохчийн къоман мах боцу хазна.
Шен кIант могуш-маьрша цIа верзарна Далла хастам беш, хIусамехь мовлид йоьшуйта Заурбека, ткъа юха сарахь пондаран мукъамо кхайкхадо кху кертахь синкъерам болалуш хилар. Кегирхойн тобанаш цхьаъ цхьанна тIаьхьа керта оьхура. Нохчийн синкъерам хелхарца чекх ца болу, иза а ду шен доккха маьIна долу къоман ламаст. Къаьсттина синкъерамехь самаболуш хилла къоначу дегнашна хIинцалц ца бевзина хилла синхаам, кхузахь кхоллалуш хилла доьзал, кхузахь кхийдаш хилла дог даге.
Ма доггах бека и нохчийн кехат пондар. Цуьнан мукъам айбеш, хеза еттачу вотанан тата. Тхьамда араволу синкъераман ламаст ларда. Цкъачуна эхь хеташ бу кегий нах, ткъа юха нохчийн мукъамо ира-кара хIиттийнчу церан дегнаша, хелхарехь каде шершабойту когаш.
Тхьамдас лерина лардо синкъераман ламаст — лаьа ма лиънехь хелхаран гуоне аравала йиш яц, тхьамдера пурба ца даьккхича, ткъа синкъераман бакъонаш йохо а йиш яц, нагахь санна цIеххьана кхуза хьаша ца веънехь.
Ма хаза бу и нохчийн синкъерам. Цхьа а вуьтур вац цо бен доцуш. Доккха маьIна долуш ду нохчийн хелхар — цу хелхарехь ган мегар ду нохчийн къоман оьздангалла а, доьналла а, цо мел лайнарш а, мел чолхечу дахаран хьелашкахь а цо дахаре ца байина болу безам а.
ГIургIаз санна тIам ойбуш хьийза нохчийн йоI, ткъа цунна юххехь ша аьрзу санна тIома волу жима къонаха. Кегирхойн жималлех, хазаллех бIаьрг буьзна Iаш хуьлу къаной а. Хетало вотанан татанца ийна пондаран мукъам, стиглане кхевдина седарчий самадохуш, бека.
Маржа-яI, нохчийн пондар! Маржа-яI, нохчийн хелхар! Наха диканехь бен ца дечу хелхаршца, нохчий хийлозза дахаран чолхечу киртигана дуьхьал гIевттина, цу хелхарца гойтуш шаьш де эшна ца хилар. Дади-юрт йоккхучу къизачу дийнахь а ма бекна маьждиган кертахь нохчийн пондар, хийла мостагIчунна хезна хелхарехь нохчочо бетта и мохь, оцу кепара мостагIашна гойтуш церан бIо мел боккха хилларх, нохчийн доьналла мокхазал чIогIа дуйла…

Чекхдевлира ИбрахIим цIаверзарна лерина даздарш. Юха кIирнахь ИбрахIим хьошалгIа эха волавелира шена тIекхача аьтто боцу гергара нах болчу. Иза а ду нохчийн цхьа хаза ламаст. Муьлха а стаг цIераваьлла дуккха а хан яьллехь, иза декхарийлахь ву къена а, могуш боцучу а шен гергарчарна а, юьртхошна а тIехIотта.
ИбрахIим хIинца гуттаренна а цIа вирзинера. Яханчу заманехь йиссира эскарца а, тIамца йоьзна цуьнан дахаран агIонаш. ЦIа веана кхаа денна юкъахь ИбрахIим декхарийлахь вара кIоштан тIеман комиссариате а вахана тIеман учете хIотта а, иштта паспортни столехь регистраци ян а.

ТIеман комиссара бехк баьккхира ИбрахIимана тIеман духар доцуш хиларна. Иштта цунна схьаделира Афганистанехь интернациональни декхара кхочуш даран льготни кехат а. ЦIахь цо и цхьанхьа охьакхоьссина кхин кара а ца ийцира. Моссийттазза Афгански тIеман ветеранийн юкъаралле кхайкхинера иза, амма иза ца вахара цига. Цкъа республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерстве а кхайкхинера иза милици балха хIотта аьлла. Цига балха вахча, цуьнан аьтто хир бара юридически институте деша хIотта а. Дукха дехараш дира цара ИбрахIиме, амма иза дуьхьал хилира могуш вац ша аьлла, шен могашалла хIуммаъ галъяьлла йоццушшехь. Министерствехь массо а цецваьллера, хIунда аьлча наха кхаьънаш а луш, муьлхха а агIонаш лоьхура цига балха хIотта. Амма ИбрахIим къар вала ца тигира. Цунна хаьара шена хIун оьшу. Цунна лаьара оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо хила. Ах шо кIезиг хан йиссинера дешаран хьукмате кехаташ чудала, цундела ИбрахIима тIетаьIIина кечам бора Нохч-ГIалгIайн Пачхьалкхан университетан филологически факультете деша хIотта.
 
                II

Аьхка ИбрахIим университете деша хIоьттира. Деша хIуттучу хенахь цо пайда ца ийцира тIемало-интернационалист ву аьлла шен йолчу льготех, иштта КПСС парти юкъахь ша хиларна а тидам тIе ца хьажийра. ТIеэцаран комиссина иза чIогIа хаза а хийтира, хIунда аьлча цу заманахь коммунисташ даима шайн бакъонаш Iора йохуш, адам кхерош хуьлура. Республикехь царех боккъалла а кхера а кхоьрура нах.
Замано дIалистира ИбрахIиман дахарера керла агIо — студенчески шераш дIадуьйладелира. Юкъараллин болх беш, университетан дахарехь цо жигара дакъа лоцуш хилар бахьана долуш, даг тIехь бина ша а, меллаша баша болабелира. Университетехь иза дзюдо а, самбо а латаран кепашах кхиамаш гойтуш вара, иштта шен тобанан куьйгаллехь а вара, университетан партийни комитетан декъашхо а вара.
Корматаллин баххаш довза хала дацара ИбрахIимана, хIунда аьлча дукха жима волуш дуьйна цо харжам а бина, школехь а шардинера шен хаарш.
Университетан дахар шатайпа а, чулацаме а дара. ХIора дийнахь дуьненан литературин классикийн керла цIерш евзара. ИбрахIима тIетаьIIина Iамабора оьрсийн мотт, цуьнан йист йоцу шорталла берашна йовзийта шена атта хилийта.
Университетан шолгIачу курсехь доьшуш волуш, де-ненан чIогIачу лаамна къера хилла ИбрахIима зуда ялийра. Цуьнан хIусамнана хилира ИбрахIим эскаре воьдучу дийнахь Хедин бIаьрг тIехIоьттина хилла юьртара йоI Хьава. Дукха дехарш динера цуьнга нанас, эххар а цуьнан лаамна тIетайначу ИбрахIиман дахарехь схьаеллаелира кхин цхьаъ керла, чулацаме агIо.

Хьава хIетале Къилбаседа-ХIирийн Орджонокидзе гIалара медицински институт чекхяьккхина хилла яьлла лор яра. И евзиначу хенахь а, иза ялийначул тIаьхьа а йоьIа ИбрахIиман кийрахь сама ца баьккхира безам цIе йолу синхаам. ИбрахIима иза лорура, комаьрша а, дика а вара иза цуьнца, амма безаман цIе кхин цкъа а ца кхерста яйначух тера дара ИбрахIиман кийрахь. Амма дуьххьара кIант Ислам дуьненчу ваьллачул тIаьхьа ИбрахIима хийцира хIусамненаца шен йолу ойла. Цуьнан амал кхи тайпа гучуелира ИбрахIимана, дукха хьолахь хьалха шена ца гуш хилларг хIинца бода дIабаьлча санна гучудолура. Жимачу Ислама безаман керла зIийдигаш дугIуш хазйира церан дахаран аре. Адаман бIаьрг хиллал тайна а, хаза а бара церан доьзал.

Университет чекхяьккхинчул тIаьхьа ИбрахIим Соьлжа-ГIалин ююккъерчу школехь хьехархочун болх бан вахара. Школа кху заманан лехамашца йогIуш, керла йина гIишло яра. Белхан накъосташца юкъаметтиг каро а хала ца хилира массаьрца а даима тIекаре волчу ИбрахIимана.
Берашна шен хаарш дIакховдош, иза кхетара муьлха а пачхьалкхан бух дешар хиларах. Цунах йоьзна юйла къоман могашалла а, культура а, экономика а. ИбрахIимана хаьара шена тIехь корматаллин лаккхара декхара дуйла, цундела цо шен ницкъаш ца кхоош къа хьоьгура белхан меттигехь. ИбрахIиман кхиамаш ца гуш ца биссира школин куьйгаллина. Кхо шо далале иза дешаран декъехула директоран гIовс хIоттавира. Хьехархочун болх дIатасса ца луучу ИбрахIима хазахетарца кхочуш бора ший а болх.
ХIара балха ваханчу хьалхара шина шарахь доьзал квартирехь Iаш бара, ткъа юха халкъан дешаран гIалин отдела дина дехара бахьана долуш, ИбрахIимана латтана дакъа делира. Керла цIено долийра ИбрахIима. Цуьнан а, хIусамненан а дерриге а алапа керла цIено дарна тIехьажийна дара. Амма хIете а Iер-дахар хала дацара дас-нанас гIо дар бахьана долуш.
Советан заманара доьзалех къаьсташ бацара ИбрахIиман хьанал рицкъа доккхуш, къа хьоьгуш болу доьхал. ИбрахIим бераш Iамош вара, Хьава нахана дарба деш яра. Цхьа Ислам вара дуьненан гIайгIанах мокъа, шен да-нана хIора а дийнахь ирсе дарий бен кхин декхара тIехь доцуш. Кхо шо даьлча цIено а чекхделира. Керлачу хIусаме керлачу доьзалхочунца дIадолийра шайн дахар ИбрахIимгIара — дуьненчуелира йоI Лиза.













                Бохам

                I

Моьттура кхане сирла а, ирсе а ю. Амма буьрсачу Iай лаьмнашкахь хьаьттарш санна, тамашийна, кхета а, маьIна дан а хала болу хиламаш тIехецабелира адамашна. ХIора а де шеца инзаре хийцамаш бохьуш догIура. Хеталора эзарнаш, миллионаш адамийн дахаран мах белла йоьттина хилла, и цкъа а юхур йоцу СССР цIе йолу гIап тховса ша цIелиг санна охьахаьрцаш ю.

Халкъ Iадийна дара. Массеран а кхоьлина яьххьаш тIехь гуш яра гIайгIа, хин дерг ца хааро кийра боссийна болу и кIорга сингаттам а.
1991-чу шеран хьаьттан (август) беттан 18-чу дийнан хиламаша Нохч-ГIалгIайн республике керла баланаш беара. КПСС-ан ОБКОМ-ан секретарь волчу Завгаевна бухара гIант а лестира. Иза СССР пачхьалкх кхоьлличхьана дуьххьара нохчо вара и тайпа лаккхара дарже хIоттийна волу. Москвас бехк биллира цунна ГКЧП-ца йолчу юкъаметтигехь иза юьстах ваьлла аьлла. Схьахетарехь Москванна иза кхин оьшуш вацара.

1990-чу шеран хIутоссург (май) баттахь Вайнехан демократически партис Нохч-ГIалгIайчохь кхин дIа хин йолчу политически процессашкахь мехала дакъа лецира. 1991-чу шеран мангалан (июль) баттахь республикин политически жайни тIехь хIинцалц евзина а, хезна а йоцу цIе гучуелира — Дудаев Джовхар. Халкълахь цунах лаьцна иза генерал хилар а, тейпан ялхаро а, цуьнан зуда оьрси хилар а, иштта цуьнан гергара нах Катаямехь бехаш хилар а бен кхин хууш хIума дацара. И хаам кIезиг бара къоман тешо Дудаевс яьккха а, къоман куьйгалле иза хIотто а. Эстонин Тарту гIалин тIеман гарнизонан хилла комендант Дудаев Джохар Соьлжа-ГIалара Нохчийн Къоман Вовшахтоьхначу Конгрессан (оьрсийн маттахь доцца цунах ОКЧН олура) председатель хаьржинера. Москвас гIо ца деш и хуьлийла а дацара.
ГКЧП сий дайна йоьжначул тIаьхьа рагI ОКЧН-ехь яра. Соьлжа-ГIалин урамашка цкъа кегий, юха яьккхий митингаш дIаяхьар долийра. Оцу кегийчу тобанашка яьккхийчу дивизишка а ца далуш дерг а дан ницкъ кхочура. Тамашийна хьелаш нисдаларца дIалецира МВД а, КГБ а, ткъа пачхьалкхалин и баххаш лардаран гIаролехь лаьтташ масех белхало бен вацара, цаьргахь а массаьргахь табельни герз а дацара.
ЦIий ца Iанош хилира и структураш дIалацар. Эскаро Iедална дечу цу зуламна цхьаьна а кепара дуьхьало ца йира.
ИбрахIиман бIаьргаш хьалха охьадохийра Политпросвещенин ЦIа, цунна гуш дара тайп-тайпана кхайкхамаша марсаяьккхина халкъан и тоба цу гIишлонна тIехьодуш. И гIишло ларъеш, герзах боьттина лаьтташ хилла милиционераш меттаха а ца бевлира адам сацо.
Хуьлуш долчунах ИбрахIим боккъалла а кхета волавелира Москвара Соьлжа-ГIала Дудаевна гIо дан Хасбулатовн тоба еъча. Шеко яцара церан Iалашо Завгаевна метта Дудаев нохчийн къоман куьйгалле хIоттор хилар, ткъа и кхочуш ян цаьргахь аьттонаш хилар а.
Кхета хала дацара хIунда ца къуьссу Завгаевс шен дарж.

1991-чу шарахь керлачу конституцица догIуш, Ночх-ГIалгIайн Республика йозуш йоцу пачхьалкх аьлла дIакхайкхийнера. 1991-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 15-чохь Нохч-ГIалгIайн Республикин Лаккхара Совет дIахецначул тIаьхьа, цхьаьна ханна совет кхоьллира, иза Москвас керла харжамаш хиллалц законни орган хилар къобалдира. ОКЧН-ан кхочушдаран комитетан цхьаьна ханна кхоьллинчу Совета а, ГIалгIайчоьнан массо а тIегIанан депутатийн советан а барт барца Нохч-ГIалгIайн Республика йийкъира — Нохчийн Республикина а, ГIалгIайн Республикина а.

1991-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 27-чохь Нохчийн Республикехь президентан а, парламентан харжамаш хилира, цара кечдира керла пачхьалкх кхоллар. ГIалгIайн къома юкъарахалкъан референдум дIаяхьарца юхнехьа РСФСР-ана юкъаяхара. Федеральни центр йистхуьлуш яцара. Амма 1991-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь РСФСР-ан Лаккхара Совета дIахьедар дира Нохчийн Республикера харжамаш ша тIелоцуш ца хилар!

                II

        Дукха ду лаьмнашкахь чолхе некъаш а, некъан кегий тачанаш а, дукха ю цу некъашкахь аккхаройн лараш. КIезиг лела цигахь адам, лелахь а дукха хьолахь иччархо. Амма ламарой дIасалела тачанаш а ду цигахь — цхьаьна юьртара кхечу юьрта, цхьаьна махкара кхин махка. Ламаро воьду некъан тача гучара дIадаьлча иза уггаре а хьалха юхахьажа веза, дIасахьажа веза юххера хьолах кхетархьама ша кхи дIа мича ваха веза.
Диканан а, вуонан орам бу дешар. И дешар а, Iилма а кIоргера мел хуьлу, дикано чIогIаха тоссу шен орам. Дешна наха кхуллу шайн тобанаш, тобанех юкъаралла кхоллало, ткъа юкъаралла — иза халкъ ду. Халкъ хьекъале мел хилий а, цуьнан вуонна дуьхьало ян ницкъаш алсам хуьлу, цуьнгара дика а алсам долу. Нохчийн къомана дика а вуо а хийцалуш кхийдош хиллачу Россин пачхьалкхаллин ирхенера кховдинера цо сатийсина маршо. Шеко яц хIун жоп лур дара гIамаран арахь виссинчу некъахочо шега хи дезий хьуна аьлла хаьттича. Амма цу лаамо вахийнарг Iехо а ца хиллера-кх хала.
Интеллигенци кхетам болчу адамех лаьтта. Цунна даима дуьхьалтуьйссу яханчу заманера бIарлагIаш. И хилларг, дIаэхнарг нийсса къаьсташ гуш дац, амма интеллигенцина дагадогIу и муха хIаллак деш дара, муха хIаллак хуьлура историйн дийна теш хилларш. Нохчий а, гIалгIай а махкаха баьхначу хенахь харцонан марсаюьйлучу цIергахь йогура нохчийн къоман истори — шира жайнаш, таьптарш, хиллачийн тоьшалла ден йозанаш. Иза инзаре хIума дара — къизаллин терзан тIе диллича къам махках даккхарал а дезох. Мажъелла кехатан юьхгаш бен санна ца диссина мостагIаша дIасаэтIийна нохчийн историн жайна.

ХIора а теори ца хуьлу аксиома. Дерриге а дуьненна шайн къомах лаьцна долу бакъдерг довзийта гIерташ къахьоьгуш бу нохчийн къомах болу историкаш. Мехала ду хьайн къоман истори хууш хилар. Шен кхиаре боьдучу некъатIехь муьлха а халкъана оьшу и нийса некъ хьоьхуш верг, гойтуш верг, кхерам боцуш цивилизацин хорше хIотта хала ду. Кегийра къаьмнашна а, халкъашна а къаьсттина кхераме ю революциш а, политически мур хийцабалар а. Оцу хьелашкахь кегийра къаьмнашна къаьсттина чIогIа оьшу собар. Синтеме хиларо гIо дийр ду дуьнене болу хьежам цIена хилийта а, цо кхийдаечу халонех атта чекхвала а. Дуьненчохь пачхьалкхашна а, къаьмнашна а юкъахь дахарехь санна ницкъ болуш верг гIийланиг охьатаIо гIерта.
Интеллигенци классически билгалдарца — иза юкъараллин пардо ду. Тайп-тайпана бахьанашца исторически бакъдолчунна шен болчу хьежамащца цхьа барт болуш ца хилла иза. Аьтто бац сийлахь баккхийчу хийцамийн муьрехь, итта шерашца лаьттина юкъараллин кеп юхучу хенахь, хуьлучун нийса маьIна дан а, цIена кхетам ларба а.

Нохчийчоьхь хуьлучу процессашна шуьйрачу хаамийн гIирсийн гIоьнца а, адамашна дийна дашца а тIеIаткъам бан а гIоьртина интеллигенцин оппозиционни дакъа меллаша къайладелира. Ткъа цуьнан важа дакъа адамашна гуш а доцуш, хуьлучун куьйгалле хIоьттира. Цхьанна а ца гуш, лаьттара иза къомо хьалхатеттина а, шаьш цунна хьаьлха бевлла а болчу баьччийн букъа тIехьа, цара дIайоккху хIора а гIулч а, церан хIора а ойла шайна луъчу а ерзош, цара хIиттайора нохчийн керла пачхьалкх кхолларан Iалашонаш. Хьалхабевллачу баьччанша дуьгуш дацара нохчийн къам, цу цхьанна а ца гучу интеллигенцис дуьгуш дара. Ткъа мича дуьгуш дара? Стенга кхачош дара?
Де дийне мел долу чехка даьллера колониальни Iазапах маьрша бевллачу мехкашна тIаьхьакхиа гIертачу нохчийн къоман болар. Амма маьрша пачхьалкх кхолла сел кIезиг зеделларг долчу къоман аьтто бер буй те юкъараллин кхиаран рогIера тIегIане дала? Нагахь санна цуьнан аьтто балахь, иза Россис дина доккха мехала гIуллакх хир ду, хIунда аьлча Нохчийчоьхь хуьлуш дерг цунах доьзна ду. Нагахь санна нохчийн къоман аьтто ца балахь а иза Россин бехк хир бу — делахь хIинца а тIе ца кхаьчна Росси цIанъяларан и исторически мIаьрго, делахь вуонна араяьллачу пачхьалкхан санна сийсаза цIе хир ю цуьнан.

Беловежски пуща яханчу заманехь йиссина. 1991-чу шеран чаккхенехь СССР юьйхира. Россин Федерацис шен лаамаллин бакъонна тIе а тевжаш (иза моттаргIана бен дацара, хIунда аьлча СССР-н конституцехь союзни республика юкъара араяларан бакъо билгалйина яц) СССР юкъара араелира, юкъарахалкъан референдуман жамIаш кхи доллушшехь, ткъа цу шеран эсаран (октябрь) баттахь керла пачхьалкхан лаккхара органаш а кхоьллира.
Нохчийн Республикин суверенитет декларативни кхайкхор хилира 1990-чу шарахь. 1991-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь дIакхайкхинера иза йозуш йоцу, маьрша республика хилар. Нохчийн Республика а, Россин Федераци а йозуш ца хилар дIакхайкхоран хенан дозанаш ца дицича а гуш ду. СССР-н конституцига хьаьжжина, Нохчийн Республикин а, Россин Федерацин а нийсса бакъонаш яра шайн суверенни пачхьалкха кхолла. Амма федеральни центрана ца лиира Нохчийн Республикин и бакъо къобалъян.
Цу кхачамбацаран бахьана талла лаахь хьажа мегар ду муха хилла Россин Федераци йозуш йоцу пачхьалкх санна кхоллаялар. Иза союзни центраца суверенитет къиссаран вуно чолхечу хьелашкахь хилла, ткъа иза ца диссира Россин Федерацис шен субъекташца йолчу юкъаметтийн амал ца хуьйцуш.
Юьхьанцара Россин администрацис союзни центраца хиллачу къиссамехь ца яьлла федерацин субъекташа бохург дира, шена цаьргара гIо хилийта. Шайга дIаэццалучул дIаэца и суверенитет аьлла Ельцино биначу кхайкхамо дегнаш ира-кара хIиттийна йолчу дукха автономни республикаша сатуьйсура Россин Федерацица Союзни барт барна буха куьйг яздан, цундела цу хьелашкахь СССР кханенна болчу маьIне хьежамо регионийн куьйгалхошка ойла йойтура Россин администрацин гIо лаца дезий.

ТIедеанчу шерийн хиламаша гайтира Нохчийн Республикица йолу юкъаметтигаш федеральни центра леррина таеш ца хиллий, Нохчийчоь а, цуьнан къам а шен боьхачу политически ловзаршна юкъаозо Iалашонца. Оццу хенахь, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь кхоьллира нохчашна мостагIийн буьрса васт. Нохчочо дакъа лоцуш хилла муьлхха а жима зулам берриге а махкана дIакхайкхош дара. Нохчийн дийнна къоман зуламхойн, жуьлгийн, бандитийн боьха цIе кхолла беш тIетаьIIина болх бара. Селахана-стомара ерриге СССР-н массо а къаьмнашца шайн сирла кхане кхуллуш хилла долу халкъ тахана дуьненна а кхераме зуламхо хилира. Амма цхьанна а дага ца догIура, Нохч-ГIалгIайчоь чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон хаамашца берриге а махкахь уггаре а лаккхара кхерамазалла йолу республика хиллий. Цхьаьнна а дага ца догIура нохчийн бIаьхоша Афганистанехь Советски Союз бахьанехь доьналлица Iанийна цIий. Исторехь цхьаъ мукъне а ямартхо хилла вац нохчашна юкъахь. Сихонца дицделира ерригросоюзни гIишлошъяран белхашкахь нохчаша муха къахьегнера. Массо а дика дерг дицделира, цкъа а ца хилча санна.
Ткъа Нохчийчоьхь-м дикачу хиламашца нийсса, тIегIерташ ирча хийцамаш а бара.

                Маршо

                I

Де тоьллачохь кура корта айбеш,
Нехан шуьнехь даккхий хабарш дуьйцуш,
Де эшначохь воьлхуш лелаш
Леларг ма войла нанас.

1991-чу шеран гурахь нохчийн элита шина декъана екъаелира. Хьалхара дакъа, олура вай цунах «къена гварди» лаьтташ яра советски партийни-бахаман номенклатурах, шолгIаниг кхоьллинера «керла нохчаша». Царна хиира нохчийн юкъараллин маргинальни чкъор шайгахьа дерзо. «Къеначу гвардин» векалийн шортта зеделларг дара юкъараллин экономически а, политически а дахарехь. Ткъа «Керла нохчийн» амалан башхаллаш дукха хьолахь вовшашца ца йогIура. Жигаралла, сих-сиха хийцалучу хьолах долар — хьашташ нийса билгалдан ца хаьар, цуьнца нийсса цIийца еха авантюризм. «Керла нохчашна» юкъахь дукха бара дешна боцу, практически балха тIехь зеделларг доцу нах. Цу «керла нохчаша» тIаьхь-тIаьхьа аратеттира «къена гварди» юкъараллин массо а социальни-экономически гуонера.

Дера иза ца диссира республикехь хуьлучу политически процессашна а, пачхьалкхан экономикина а тIеIаткъам ца беш. Нохчийчоьхь, ерриге а Россехь санна Iедал хийцадалар дара дIадоьдуш, цу юкъахь хьоладайшна ца хиира хьашташ нийсачу хорше дерзо, церан Iалашо шайгара хьал нисдар, шайн рицкъ алсам даккхар яра. Пачхьалкхан долаллина приватизаци ярна бехкам лаьтташ бара, амма экономикин пачхьалкхан сектор йохар дIадоладеллера.
Цуьнца нийса алсам долуш дара йохка-эцаран долахь предприятийн терахь. Транспортни а, хIаваан а, машенийн а зIенаш кхиар бахьана долуш, жигара кхууьш яра йохка-эцар.
Билгалдаккха деза, Нохчийчоьнца дозанехь мел хилла Къилбаседа Кавказан республикиша хIуммаъ кIезиг пайда ца бора шайна Нохчийчоьнан рынкашкахь.
Нохчийн Республикин бюджетни ахчанца кхачо федеральни центрера еш яра, Нохчийчоьс ша цхьаьннах а йозуш йоцу пачхьалкха дIакхайкхина йоллушшехь. Цундела Россин экономикехь мел хуьлу ирча хийцамаша харц тIеIаткъам бора Нохчийчоьнан экономически дахарна. Къона реформатораша Iалашо хIоттийра шайна хьалха пачхьалкхан секторехь болх бечу нехан чотах Россера экономически кризис эшо.
Ерриге а Россехула а, цунах йоьзна йолчу Нохчийчоьхь а алапаш сецо долийра. Оцу кепара хьал эххар а галдала бисте дахча, туьйранехь санна мичара долу а ца хууш ахча гуча а долий, алапах кхолладелла декхара дIадоккхура.
Нохчийн Республикин Президент Дудаев Джовхар хаьржинчул тIаьхьа СаьIид чIогIа кхоьлина веара цIа. ШолгIачу дийнахь цо уголовни гIуллакхашкахула лаккхара следователан даржехь ша болх бечу Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн декъе а вахана, белхан меттиг мокъа юьтуш рапорт язйира. СаьIидца даима а доттагIаллин юкъаметтигаш лелийна волу хьаькам, ша дахарехь а, балха тIехь а шортта зеделларг долуш хиларе терра сиха кхийтира хIун бахьана ду СаьIида биначу сацаман.
Иза ша а вара балхара дIавала дагахь, цундела цо совнаха хаттарш ца луш, рапортана резолюци йира. Кхин новкъахьовзам боцуш шен кехаташ республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствора схьаийцира СаьIида. Министерствехь вакансиш оьшуш яра, хIунда аьлча дарже баха луурш рагI хIоттийна лаьттара. Хьоладай муьлхха а ахча дIадала реза бара Iедалан мукъ карабеъчхьана, ткъа корматаллин хаарш-м цхьаммо а хьахош дацара.
ГIайгIано кийра гатбина лелара СаьIид. Деган Iийжамца сацам бира цо Даймохк бита. Ша Казахстанехь вина волллушшехь, дукха жима волуш дуьйна дай баьхна лаьттанца шатайпа уьйр яра цуьнан. Амма доьзалан ирсе кхане бахьнехь тIеийцира цо и сацам.
Иза шек вара Россехь бакъ йолу демократи дIахIуттур хиларах. Иза иштта шек вара Дудаевн политикас Нохчийчоь маьрша йоккхур хиларах а. Ельцина а, Дудаевс а лелорг тергал деш цо цхьа жамI дира — цу наха шайн къаьмнашна вуо бен дика дохьур дац.
Газетийн агIонашкахь зорба тоьхнарг доьшуш а, гIайгIане детталора дог — шеко яцара Нохчийчоь боккхачу баланан киртигехь лаьтташ хиларан. Шен берийн кхане декъаза ца яьккха, СаьIида сацам бира Германе дIаваха. Хала хир ду Даймахкана генахь, хийрачу нахана юкъахь, амма кхин агIо яц, кхин некъ битина бац.

Да-нана долчу юьрта а веана СаьIида дийцира ша хьийзочу гIайгIанех лаьцна а, иштта бовзийтира ша бина сацам а. Цо дийхира дега берриге а доьзал цхьаьна дозанел дехьа балийтича дика хир дара аьлла. Заурбекана цу къамеле ладогIа а ца лаьара, амма хIете а ИбрахIима а, Заргана а, хIун олу хьажа элира. Сацам хилира кIиран дийнахь массо а вовшахкхетта и гIуллакх ма-дарра дийцаре дан.
Уьш шаьш барт ма барра цхьаьнакхийтира. СаьIида юха а доьхура Заурбеке массо а цхьаьна дIадахийта бохуш, амма кIентан дехаршна къера ца хилира Заурбек.
Ца лаьара цунна Даймахках къаста, сийначу цIергахь и богуш балахь а, цуьнца вага кийча вара и. ЦIаьххьана соцунгIа а йина, юха, массарна а хезаш долийра цо шен къамел:
— Даймахкана сагатда цуьнца къаьстинчу дийнахь дуьйна волало. И сингаттам де дийне, шо шаре мел долу даш санна базлой аьчка экъа хуьлий даг тIе буьжу. Хетало и шен барамца Шат-Ломал лекха а, Таркхойн-хIордал кIорге а бу. Ма беза хуьлу и лан кийрара дагна. Шераш, беттанаш, денош, миноташ малхана гуо туьйсучу дуьненал чехка дуьйлу. Ткъа хьан дагчу кхерам буссу. Хьо кхоьру кхин Даймохк ганза Iожалло вадийна вигарна. Ткъа наггахь хетало замано болар а сацийна, хьо чуьра дуьйна схьа дакъа санна цхьаьна мIаьргонехь шеллуш ву. Хьуна ца хаьа, хьо ца кхета муха тарло и Iаламат боккха сингаттам хьан жимачу кийрахь. Дуьне дегош мохь цIогIа тоха лаьа — эккхахьа кийрара дог, кху лаьттан букъа тIе хьайначуьра цу сингаттаман и Iаьржа дIовш даржош, Iанаде и, хIара дуьне цунах дузош. Са бIарзделла сахьийзаро гатварна дуьхьал цхьа а молха дац, иза дерзалу лазар а дац. Иза цхьанна а ца го, и бала хьуна чохь кхехка, ткъа юха цу яьллачу цIаро хьо вагаво… хьан са хьан дегIах къаьста… ткъа цул тIаьхьа Iожаллан кара вахча а, хьан са панадаьлла хьийза. И ду и Даймахкана сагатдар…
Массо а дIатийра. Генарчу геналле хьоьжучу Хедин бIаьргашкара цхьаъ цхьаьнна тIахьа охьауьдура хиш. Массо а — СаьIидан кегий бераш а цхьаьна Iадийнера цу дийцаро, воккхачу стеган Даймахке болчу безамо. Ткъа бехк барий цуьнга? Заурбекан Нохчийчоьне болчу безамах кхета кхойтта шо Даймахкана генахь даккха дезара, ткъе ворхI шарахь чIирхойх лечкъаш шен кхерча верза йиш йоцуш хьийза дезара, эзарнаш наб яйна буьйсанаш яха дезара хьомечу лаьмнийн гIаларташ хийлозза дуьхьал а туьссуш. Вехха лаьтта бIаьра а хьежна, юха а дIадолийра Заурбека шен къамел, цIеххьана самабевллачу дагалецамаша шийла куьйг Iоьттина, дог тохадалийтича санна.
Корах арахьежира Заурбек. Гуьйренан можачу духарца кечделлера Iалам. Геннара гуш дара къоьжачу ламанийн баххьаш. Ойланаша юха а вадийна Казахстанан хийрачу махка вигира Заурбек.
Цхьаьна Iаьржачу буса неI туьйхира Заурбекан. Мацалло гIора дайина когаш тIехь халла лаьттара цхьа стаг.
— Заурбек… ассаламу Iалайкум… Заурбек… Со ца вевза хьуна? — чехка садеIарца вистхилира иза.
— ВаIалайкум салам! Вай Мовла, хьо вац и? Хьо муха кхаьчна кхуза? Iедало дIасалела вуьтуш а ма вац!
Хан йоцучу хенахь неI тоьхна веана хьаша вара Заурбекан цхьаъ бен воцучу вешин Хьабибуллин стуваша Паскаев Мовла.
— Со набахтера араваьлла дукха хан яц… халла сайн нах карийна тIекхаьчна со… амма цаьргара хьал ирча ду… мацалла ю. Адам леш ду… бераш, баккхий нах… мацаллех бистина Iохкуш бу… сан дан амал дац, амма суна хаьара хьо бен суна орцах вала стаг воций. Къайлах, лечкъаш веана со кхуза.
Заурбекера хьал а ма дацара хIуммаъ тоьлла. Мовле дIакховдо совнаха бепиган кусок а яцара цуьнан чохь. Ткъа жоп доцуш иза дIавахийта а ма яц йиш хийрачу махкахь де эшначу дийнахь кхуьнан неIаре веана волу. ЦIе яьлла кхехкара Заурбекан кийра.
— Цкъа чоьхьа валал! — чукхайкхира Заурбека хьаша.
Мацалло гIелвина Мовла духарца а вара беркъе.
— Мовла! Хьуна ма-хаара соьгара хьал а дац башха дика, амма шугахь дерг санна телхина а дац. Ахь гена а, хала а некъ бина, цундела ийза ца луш, сан долчу рицкъанах кхета. Заурбек цунна хьалха чайн стака а, сискал а охьа а хIоттийна, дехьачувелира. Юха дуккха ца Iаш, араваьлла Мовле вистхилира
— ХIа! ХIорш хьайна магахь тIеюха. Тиша елахь а, цIена ю хьуна хIорш — цо дIакховдийра цунна шен хилла бедарш.
Мовлас тIера бедар хуьйцучу ханна юкъахь тIеийцира Заурбека шен дахарна сел кхераме и сацам.
— Къамелаш деш Iан йиш яц! Вале, суна тIаьхьа — чехка аравелира Заурбек, шен юьхьтIе башлакх охьа а озош.
Заурбек кхетара хIара буьйса шен дахарехь тIаьххьара хила мегаш юй, амма цо даима а кхолламан мукъ Делан кара луш бара, цундела цкъа а дагчохь кхерам а ца хуьлура.
Мовла тIаьхьа а хIоьттина воьдуш вара, ша Заурбека мича вуьгу ца хууш, амма цо саца а сецна, колхозан даьхнийн божала схьадиллича иза Iадийра. Цу чохь цхьалха лаьттара зIенашца йихкина, ша и лам санна, бIаьрго ца лаццал, инзаре йоккха бугIа, марах тессина аьчка чIуг а йолуш. Массо а бежнаш шайн аьхкенан дежийлашка дIадигнера, ткъа хIара даьхнийн хIу даржош йолу бугIа чохь кхобуш, лерина лелош яра. Заурбекана хаьара шена кхузахь новкъарло хир йоций, хIунда аьлча кху колхозехь кхин цхьа а бежана дацара, ткъа хIара бугIа лачкъор юй цхьанна а коьрте а догIур дацара. Хехочух дерг аьлча, иза йоккха топ тоьхча а самавер воцуш, вижина хуьлура, ткъа тховса-м кхуьнан аьттона иза гуш а вацара, цIа ваханчух тера дара. Заурбекана дагадеанчух кхетта Мовла юьхьанцара кхеравелира
— Заурбек! Хьо хIун да воллу? ХIара гучудалахь хьо хIаллак вер ма ву!
— Делан карахь ду ша дерриге а! Хан ца кхачахь лийр вац — Заурбека зIенаш дIа ястира. БугIа меттах яла дагахь яцара, амма Заурбека цуьнан марах кхозу аьчка чIуг озийча, лам санна лаьтта и дуьне ша цициган кIорни санна меллаша арадоладелира. Цуьнга кхин совнаха гIар-тата ца дайта Заурбека дIа ца хоьцура чIуг.
— Ас хIара лаьцна йоллушшшехь, вало тIехаа цунна — элира Заурбека.
Цецваьлла Мовла воьхнера.
— Вала чехка! Вайн йиш яц!
Говра тIе санна хьалавелира Мовла. БугIа реза яцара, амма аьчка чIуга шен мара лазийча, тап олий соцура иза.
Масех чаккхарма некъ бира цара ишта. Кхин и чIуг дIа ца хоьцуш хьалхаваьлла воьдура Заурбек. Уьш хи йисте кхечира. Ахка дукха кIорга ца хилар бахьана долуш, атта дехьабевлира уьш.
— ХIан… кхин сан дIавогIийла яц — Заурбека шен карара дIа ца хоьцуш, чIугах шина агIор муш а тессина, цуьнах дуьрста а еш, иза Мовле дIакховдийра — Дала Iалашвойла хьо!
— Заурбек… — Мовла ала дош ца карош виссинера.
— Ма яйа хан! Ган доьгIнехь гур ду вай — Заурбек сиха юхавирзира.
Колхозан божалина тIекхаччалц, шайн лараш йойуш беха некъ бира цо — когаца ца шаръелларг, куьйгаца шаръеш. Колхозан бугIа тIепаза яр дижа дитира Iедало, кхин цхьа а бахьана ца карош.
И Iаьржа буьйса хьалха лаьттара тховса Заурбекана — хIетахь шаьш бина и кхераме некъ, ша лораш яйа гIерташ хьегна къа, де доьхна шен неIаре хIоьттина Мовла. Ма деса хетара воккхачу стагана тховса са дадийна махкаха вала бохуш шега ден къамелаш.
— ХIинца алийша соьга — оцу жоьжахатара араваьллачу суна кхин цхьа а жоьжахате кхераме хир юй те? — хаттар делира цо массаьрга а.
Ма дукха хIума лайнера Заурбека шен Даймахкахь вала а, ваха а. Ма сатуьйсура цо шен ненан даьIахкаш Даймахка цIа ерзийна, дIайохка. ИбрахIима дош деллера цунна, аьтто ма баьлла ша цуьнан и лаам кхочуш бийр бу аьлла. Ткъа да-м тIепаза вайна. Цунах йиссинарг Брестски гIопера еана похоронка бен яц, иза мичахь лаха веза а ца хаьа. Иза виссина цигахь пана махкахь…

— СаьIид! — юха а дIадолийра шен къамел Заурбека, — ши шо хьалха вайн лулахо Рамзан волчу Хьусен цIе а йолуш цхьа хьаша веанера. Иза Урдунехь вина а ваьхна а нохчо вара. Кавказера цига дIабаханера цуьнан дай паччахьан Iедалан къизалла ца лалуш. Иза цигахь вина а, ваьхна а вара, Европехь лаккхара дешаран хьукмат чекхьяккхинера цо. Амма даима, дукха жима волуш дуьйна цуьнан са Нохчийчоьхь дехара. Кху махка дуьххьара ког боккхушшехь вилхира иза. Цо дуьйцура Урдунехь Iаш волчу муьлха а нохчочо, ша Iожална герга вахана, гуттаренна а бIаьргаш дIахьббале, шен доьзале тIаьххьара весет до — Даймахка цIа дерза, цIа дерза аьтто ца балахь, цкъа мукъне а цунах бIаьрг тоха. Вайна Макке хьаж дар санна деза хета царна цкъа мукъне а Нохчийчоь гина хилар. Вай санна Даймахкана тIера цхьа а къам хир дац дуьненчохь.
1957-чу шарахь суна сайна гинера Казахстанехь нохчаша кешнашкара шайн гергарчийн даIаьхкаш схьа а йохуш, уьш чамданашкахь цIа кхоьхьуш. Ахь ойла е цуьнан СаьIид — мел доккха хIума ду и — эзарнаш километраш некъ беш, декъий цIадар. Мел боккха хила беза кху махкаца болу безам нагахь санна хьайн безначийн каш а хьуна нехан лаьтта тIехь хилийта лууш ца хилча. Суна ца хаьа хьоьга ма дарра цуьнан маьIна дан, дешнаш ца карадо, ойла кхачайо. Цхьаъ хир ду-кх кху декъаза латтанца, вай сел чIогIа тIеийзош. Со-м наггахь хьоьгу муьлхачу а махкахь сапаргIат Iаш болчу нахах. Со Iалур вац. Йийлбазан мехашца муьлха а бала кху махкахь хьовзарх, со кхузахь вуьссур ву. Ас КъорIанца чIагIо йина адамна дуьхьал герз ца айда, амма соьга юха а махкаха вала деза алахь, ас бIаьргнегIар ца тухуш Iожалла тIеоьцур яра. Мел хала дуьне диъна хаьий хьуна ас а, хьан нанас а? Амма хете а ирсе миноташ а, денош а, шераш а хилла хила тарло тхан дахарехь, ас уьш дагар ца дина. Шуна дахар кховдийна оха — иза ду Дала тхуна делла доккха ниIмат. Тхайн ницкъ кхочург дира оха шуьх адамалла йолуш нах кхио. ХIинца шу кхиъна бевлла. Шун шайн доьзалш бу, харжам бан а шу шайн бакъо ю. Аш биначу муьлхха а харжамна тхо реза а хир ду, — дерзийра шен къамел Заурбека.
Даймахкаца йолчу юкъаметтигаца ИбрахIиман шен ден санна ишта кIоргера бацара хьежамаш, амма хIете а махкаха ваьлла дIаваха цунна ца лаьара. Уггаре а коьрта бахьана — цхьа кIант мукъне а дена уллохь хила веза аьлла далийра цо. Цул совнаха иза уггаре а жимох ву, ткъа жимох волу кIант ву Iадате хьаьжжина деца-ненаца ваха везаш. Доьзалан барт хилира кхана сарахь ден цIахь СаьIид новкъавоккхуш къастаран суьйре дIаяхьа.
ГIовгIанах юьзира Заурбекан хIусам — бераш, берийн бераш, несри. Хаза а, самукъне а дара, амма цхьаьнакхетаран бахьана дагатесча массеран а дегнашка юссура гIайгIа. Заурбекан лаамца ши шо кхаьчна старгIана урс а, хьаькхна мовлид а йийшира, СаьIид могуш-маьрша шен Iалашоне кхачийта а, цуьнан некъ дика хилийта а цунна тIера сагIийна жижиг а дIасадийкъира лулахь. Дукха нах гулбелира кхузахь — гергарниш а, иштта СаьIидан белхан накъостий а. Хьеший дIа а бахана, буьйса юккъе яханчул тIаьхьа, даима санна кху хIусамехь вижанза шиъ вара — Заурбек а, ИбрахIим а…
Дас гуттар а санна КъорIан доьшура, кIантана сийлахь деза аяташ гочдеш, ткъа кIанта ладугIура, Дала аьллачу дешнийн кIоргера маьIна а деш.

Маржа-яI Нана — Нохчийчоь!
Хьуна мел гена а сан дегI хиларх,
Сан дог ду хьуна юххехь…
Сан кийра боьлхура, хезаш мохь боцуш.

                II

СаьIид Германе дIа а вахана, цигара Дрезден олучу гIала ваха хиира. Иза машенаш Iалашъечу станци балха а хIоьттира, ткъа бераш немцойн школехь доьшуш дара. ЦIерчаьрца даима а зIенехь вара СаьIид. Цо сих-сиха телефон тухура, шегара хьал а, ша Даймахкана сагатдар а дуьйцуш.

ХIетахь Россера а, Нохчийчуьра а хьал телхина дара. Политически барт де дийне мел долу бухуш бара. Дудаевна дуьхьал кхоьллинчу оппозицис 1991-чу шарахь дIаяхьна митинг кхиам болуш ца хилира, хIунда аьлча Москвас нохчийн экономикина юкъа ахча диллинера. Амма хIете а Дудаевн политически раж Нохчийчоьнан дукхах болчу бахархоша тIелоцуш бацара. Билгал ца даккха йиш яц Нохчийчуьра а, Россера а хиламийн тамашийна рогIалла. Иштта, 1992-чу шарахь Дудаевн агIончаша оппозицин гIаттам бохийра. И бохош бронетехникех а пайда ийцира — гIалин гуламна тоьпаш тохар бахьана долуш дукха нах байинера, чевнаш а йинера.
Бехке лерира оппозици. Цхьа шо даьлча, 1993-чу шарахь Москвахь нуьцкъала дIасалеллира парламент. КIайн цIенна (Белый дом) тоьпаш тухучу хенахь а бронетехникех пайда эцнера. ХIетахь а нах байира. Ткъа бехке парламент йира.
Россехь хуьлуш долчунах дикка тIаьхьакхууьш вацара ИбрахIим, амма цхьацца дерг ца ган а, ца кхета а йиш яцара. Ца ган йиш яцара Нохчийчоьхь дислоцированни долчу эскаран декъийн бахам боькъуш хилар. Цу хьолехь каро жоп доцуш дукха хаттарш кхоллалора. Масала, Нохчийчуьра эскар арадоккхуш хилча, цу эскаран кхузткъа процент Нохчийчоьнна стенна юьтуш ю? Цу дерригено а гойтура кхузахь хуьлуш дерг хьалха дуьйна хIоттийначу Iалашоне хьаьжжина хуьлуш дуй. Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштахь дукха хьолахь Iаш жуьгтий бара. Цкъа а нохчашца барт боьхна я, дов даьлла бацара уьш, амма 1989-чу шарахь дуьйна уьш цIе яьлча санна Нохчийчуьра дIаэха буьйлабелира. Жуьгтий къомах цхьа накъост вара ИбрахIиман Саша цIе а йолуш. Цо 1991-чу шарахь доггах цхьа хьехар делира кхуьнга — хьайн берриге а бахам пайда хуьлучу агIор дIа а нисбе сихонца Нохчийчуьра дIа гIо, кхузахь ши-кхо далале тIом болалур бу аьлла. ИбрахIима и ойла аьттехьа а ца йитира, амма дукха хан ялале шен накъоста аьлларг дага а деара цунна.
1994-чу шеран тIом болабаларан коьрта билгало хилира Автурханов Iумар коьртехь а волуш оппозицис дина и йорах тIелатар. Даима а санна Россис хуьлучунна шена юьстах яла дагадеъча, оппозици хьалха тотту. 1994-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 26-чохь хиллачун а коьрта турпалхой оппозицин векалш ма бара. Царна гIоьнна Россин эскаран эпсараш а, саьлтий а, танкаш а чухецнера. И бохам Нохчийчохь болийначарна шаьш ца гуш дуьссур дацара те аьлла хета а тарло, амма иза ма-дарра гучуделира Дудаевс йийсаре лаьцна болу шайн саьлтий а, эпсараш а Россин тIеман куьйгаллас дIатесна битича. Оппозицин агIонехь тIелатарехь дакъа лоцуш вара эзар ши бIе стаг а, шозвткъе итт танк а, йезткъа БТР а, «СУ-27» ялх кема а. Шайна хьалха хIоттийна я билггал Iалашо а йоцуш, я мостагIа мила ву а ца хууш, ша хIун лелало ца хуучу оппозицис толам боккхийла дацара.
Нохчийчоьнан дукхох болу бахархой цигахь дакъа лоцуш бацара. Нохчийн юкъаралла хIетахь кийча яцара вовшашна тIе герз хьажо. Массо а кхетара чIир боху Iадатан кхелах вала хала хир дуй. Цул совнаха я оппозицина а, я Дудаевн политически ражана а дукха нах реза бацара.
«Оппозицера йовсаршна дуьхьал Дудаевн йовсарш араевлла» — олура наха. ТIаьхьара берш кIезиг хиллехь а арара латаршкахь дукха цIий ца Iанош (велла а лазийна а ши-кхо стаг бен вацара) церан аьтто белира Соьлжа-ГIала чудеанчу оппозиционни эскаран гIаттам бохо. Оппозицина боккха эшам хилира — пхи бIе стаг вийнера, ткъех сов танк йоха а йинера, ткъех сов Дудаевн агIончаша дIалаьцнера, иштта йийсаре лаьцнера ши бIе гергга тIемало. Лахьанан (ноябрь) 28-чохь оппозицин ницкъашна тIе толам баьккхина де билгалдоккхуш йийсаре биначийн тоба Соьлжа-ГIалин урамашкахула чекхяьккхира. Цу гIаттамехь дакъа лоцуш мел хилла нохчо цара оппозицин агIо лоцуш кхин цхьаьна а гIуллакхехь дакъа лоцур дац аьлла КъорIан тIехь дуй биъча бен дIа а ца хийцира.
ХIетахь нохчийн куьйгаллас Россин тIемалойшна юкъара йийсаре вина волу вейтта эпсаран а, саьлтичун а цIерш йовзийтира. Йийисаре биначара телевизорчухула дийцира шаьш Подмосковьехь дислоцироваться динчу
№43162 и №01451 тIеман декъашкахь декхара дIакхоьхьуш хиларах лаьцна. Россин Федерацин Оборонин Министерствос уьш тIе ца битинера, схьахетарехь царна уьш оьшуш бацара. Министерствос дийцарехь уьш массо а дезертираш бара. Министерство Iораяьккхира РИА-Новости хаамийн агентствона интервью еллачу Жуков Евгений бохучу саьлтичун дас.
Цо дIахьедира шен кIант Лахара Тагил олучу гIала итта денна командировать вина хилар. Шен кIант йийсаре лаьцна хиларах шена НТВ программмехула бен хиъна дацара цунна. Дукха хан ялале массо а йийсаре бинарш дIахийцира. Уьш цхьацца бахьанашца ФСБ-х дIатоьхний нохчашна а, оьрсишна жимма тIаьхьа бен ца хиира.

                III

ТIом ца хилийта цхьа а агIо каро аьтто барий теша Дудаевн? Нохчийн къомана тIебогIу бала кечбеш хиллачу политикашна юкъахь хиллий теша иза? Оцу хаттаршна а заманан йохалла нийса а, чулацаме а жоьпаш карор хир ду. Ца каро а мега, хIунда аьлча истори даима а Iедалан мукъ карахь болчеран лаамца язъеш хилла ю. Иза уггаре а хьалха доьзна ду Россин исторехь даима а Iаьржа таммагIаш хиларца а, кху дийне кхочуш церан цхьа а тIаьхье шайн дайша летийначу къинойх цIанъелла ца хиларца а. Мухха делахь а Дудаев нахана гуш-хезаш дукхозза гIоьртира Россин куьйгаллица бертахь къамел дан тIом ца хилийта.

1994-чу шеран гIуранан (декабрь) беттан 7-чохь Дудаев цхьаьнакхийтира Россин Федерацин Оборонин министраца Грачев Павелца. Цо пресс-конференцехь ишта дIахьедар динера: «Оха, инарлаша вовшашца барт бина, хIинца политикашка ду дош. ТIом хир бац».
ГIуранан беттан 8-чохь нохчийн агIоно дIахьедира шен болчу хаамашца Росси Нохчийн Республика Ичкерийна эскар чу а далош буьззинчу барамехь тIом дIаболо кечам беш ю аьлла.
ШолгIачу дийнахь Нохчийн Республикера хьал нисдан кхоьллиначу белхан комиссин аьтто белира гIуранан беттан 12-чохь Буро-ГIалахь оппозицин а, Дудаевн а векалшна юкъахь машар хьокъехь дагадовлийтар хилийта.
Федеральни Iедалера цу цхьаьнакхетарехь дакъа лаца дезаш вара Россин Федерацин региональни политикин а, къаьмнийн гIуллакхийн а министран гIовс Михайлов Вячеслав коьртехь а волуш шийтта стаг. Ткъа Соьлжа-ГIалара Нохчийн Республикин Ичкерийн финансийн а, экономикин а министр Абубакаров Таймаз коьртехь а волуш исс стаг. Оппозици цу цхьаьнакхетарехь йовзийта езаш яра прокурор Басханов Бек коьртехь а волуш кхаа стага.
Дийцаре дан дезаш дара — Россин а, Нохчийн Республикин Ичкерийн а юкъаметтигаш нийсачу хорше ерзор. ГIуранан беттан 12-чохь хила дезаш дара и цхьаьнакхетар, ткъа 11-чохь Россин эскар Нохчийчоьнан дозанал дехьа делира. Соьлжа-ГIала чуйогIуш яра Къилбаседа Кавказан тIеман округан юкъара эскаран ши дивизи, шайна чохь юьззинчу составан десантни-штурмовой ши бригада а йолуш, иштта Костромской а, Ульяновски а, Псковски а, Витебски а, Тульски а ХIаваан-десантни эскарш а, Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон подразделениш а. И берриге а бIо Соьлжа-ГIала ГIалгIайчоьнан агIонера чубогIуш бара. Цигара бахархой гIертара эскар сацо, амма цаьрга ладугIуш стаг вацара. Иштта эскар Нохчийчу Дагестанера а Моздокера а чудогIуш дара.
Контраразведкан федеральни урхаллин а, Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон а хаамашца нохчийн агIонера кхойтта-вейтта эзар герзаца стаг вара цу бIонна дуьхьал. Россин Правительствон хьалхара вице-премьера Сосковец Олега бечу хаамашца Нохчийчохь тIом баран хьалхара цхьаьна кIирнахь Россин кхузткъа миллиард сом ахча делира, иза а дуьхьал леташ башха ницкъаш боццушшехь.

ТIом болабелира 1994-чу шеран гIуранан беттан
11-чохь. Амма «Нохчийн Республикехь машар а, бакъо а, конституционни низам а юхаметтахIотторан» план къасто Ельцин Бориса куьйгалла а деш Россин Федерацин кхерамазаллин совет гIуранан беттан 17-чохь бен цхьаьна ца кхийтира. Кхерамазаллин Совета Оборонин Министерствона а (Куьйгалхо Грачев П), Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствона а (Куьйгалхо Ерин П), Контрразведкин федеральни урхаллина а (Куьйгалхо Степашин С), Федеральни дозанийн урхаллина а (Куьйгалхо Николаев А) массо а шайн ницкъаш вовшах а тоьхна Нохчийчуьра законаца ца догIуш кхоьллина тIеман тобанаш хIаллак ян а, Нохчийн Республикин пачхьалкхан а, административни а массо а дозанаш дIакъовла а тIедожийра.
Цу белхан куьйгалла дан дезаш вара Оборонин министр Грачев Павел.
Россин Федерацин кхечу арахьарчу г;уллакхийн министерствос гIуранан беттан 17-чохь дIахьедар дира шолгIачу дийнахь — 18-чохь нийсса шийтта сахьт буьйсанан даьлча, шайн мел болчу ницкъах пайда а оьцуш, Нохчийчоьхь конституционни низам а, бакъо а юхаметтахIотто Чоьхьарчу гIуллакхийн министерство а, Оборонин министерство а зуламхойн тобанаш хIаллак ца йича ер яц аьлла.
Цу дIахьедарехь къаьсттина билгалдеш дара Нохчийчоьнан маьрша бахархошка Соьлжа-ГIалара а, иштта зуламхой болчу кхин йолчу ярташкара а арадовла аьлла хаийтина хилар. Кхечу пачхьалкхашкара бахархошка а, иштта журналисташка а тIедожжийна дехара дора Соьлжа-ГIалара арадовларе. Билгалдаккха деза и дIахьедар шен ерриге а къизаллица тIеман кIур баьржина кIира даьлча дина хилар.
Цу дийннахь Сосковец Олега хаам бира Дудаев Контрразведкин федеральни урхаллин директор Степашин а, вице-премьер Егоров а коьртехь а болуш йолчу Россин Федерацин делегацица цхьаьнакхетар дIадахьа Моздок гIала кхайкхина ву аьлла. Цо билгалдаьккхира нагахь санна Дудаев цу цхьаьнакхетаре ца вагIахь эскара ша хьалхо хIоттийначу Iалашоне хьаьжжина зуламхой хIаллак бар дIахьур ду аьлла.
Ультиматуман хан чекхяла диъ сахьт диссинчу хенахь, ма-дарра аьлча гIуранан беттан 17-чу дийнахь ткъа сахьт даьлча Дудаев тIаьххьара гIоьртира тIом ца хилийта, цо телефончухула Россин куьйгалле хаам бира ша къамелана реза а ву, Нохчийн Республикин делегацина коьртехь хила кийча а ву аьлла. Амма Кремлана иза ца хезира.
ТIеман чкъург хьовзийна яьллера, иза сацо цхьа а дагахь а вацара. ГIуранан беттан 18-чохь Iуьйранна нийсса исс сахьт даьлча Россин эскар дIадоладелира Соьлжа-ГIала яьккха. Тидаме эца еза хIетахь юкъараллехь хилла цхьа кIоргенза ойла а, масала Дудаев юьхьанцара Россин куьйгаллица цхьа барт болуш а хилла, ткъа юха цхьа дар-дацар бахьана долуш Москвана кхин хьашт ца хилла бохург.
1994-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 27-28-чохь Маршонан майданахь адамийн Iаламат яьккхий тобанаш вовшахкхета юьйлаелира. Уьш схьаоьхура Соьлжа-ГIалара а, иштта юххерчу ярташкара а, гIаланашкара а. Иза инзаре ирча а, хала а хан яра рогIера нохчийн къомана тIеIоттаелла йолу. Массеран а дегнашкахь бехара шен сих а, доьзалах а, къомах а кхерам, массо а кIоргечу сингаттаман йийсарехь вара. Массарна а гуш дара сел жимачу Нохчийчоьнга Росси санна зоьртала мостагIа каглур воций. Массарна а гуш яра тIегIертачу тIеман и ирча юьхь, амма и сацо цхьа а ницкъ бацара.

И тIебогIу боккха бала бехк боцуш Россис дина тIелатар хилар гуш дара дийца а ца дезаш. Шен къизаллин барамца а, цхьаьна а кепара боло бахьана а доцуш болийна хиларца а цу тIамна дуьхьало ян гIоьртира дийнна къам. Шеко йоцуш ала мегар ду Дудаевс шен политика жимма а кхечу хорше ерзинехь, цуьнан байракх кIел кхин а дукха адам хIуттур дара хIинцачул а. Шайн лаамехь тIом бан гIевттинчарна мах боцуш герз дIа а ца луш, Дудаевн агIончаш иза дохка буьйлабелира. Къаьсттина и бахьана долуш, йохкар-эцаран тIом аьлла цIе яхара цу тIеман халкълахь. И бахьана долуш хилира цхьацца болу гIаттамхой къиссамна юьстах а бевлла мухIажарийн тобанах дIа кхетар.
Митингашкахь дакъа лоцуш мел ца хилларг керла хаамаш бовза хьогах телевизорш хьалхара дIа ца бовлура. Соьлжа-ГIалин телевиденис хаамийн выпускаш итт-пхийтта минотана юкъах а йохуш, сих-сиха гойтуш «Маугли» мультфильман цхьа кийсаг яр — берзалойн баьччас шен арданге хоуьйтура кестта кхарна тIелата кечам беш Къилбера можачу жIаьлен яьккхий гуьланаш ю бохуш. Баььчас хотту шен арданге:
— ХIун де вай? Лета вай я царна къарделла совцу?
Арданга массара а цхьаьнаэшшара жоп ло:
— Вай къарлур дац! Вай летар ду!
— Сий долуш хир бу вай арабаьккхина некъ, амма массо а воьрзур вац цигара дийна цIа — олу шен арданге баьччас.
Телевидинера ира хьекъал долчу цхьаммо чухецнера и ролик, хIунда аьлча кхета хала дацара борз — иза нохчочун васт хилар, ткъа Къилбера догIу можа жIаьлеш — оьрсийн саьлтий. Ма-дарра аьлча Дудаевс халкъе бен кхайкхам санна лара мегар дар-кх иза. ИбрахIим ишта кхетара-кх цунах.



IV

Республикин газеташкахь сих-сиха зорбане юьйлура XVIII-чу бIешерехь оьрсийн а, нохчийн а хилла юкъаметтигашах лаьцна дуьйцу статьяш. Цара хIинцалц массарна а хууш хилларг бен кхин совнаха керла хIуммаъ довзуьйтуш доццушшехь, хIинца цу хьоле болу хьежам адаман кхин бара.
Цу статьяшкахь дуьйцура Россис Нохчийчоь тIамца яккхарах лаьцна, къаьсттина и процесс 1708-чу шеран чилланан (февраль) баттахь уггаре а прогрессивни ларалуш волчу оьрсийн паччахьа Хьалхара Петрс дIайолийна хилар. Цо «Европе кор» доккхуш, флот а, эскар а кхоьллина акхачу Россе европейски культура еанера. Ткъа официальни хаамашца Нохчийчоь караерзор чекхдаьлла 1859-чу шарахь.
Паччахьан Iедалан коьрта Iалашо яра ламанхой къарбан, ца къарбелларш хIаллак бан. Цхьацца юкъ-юкъера хаамаш биссина Кавказан ламанхоша (нохчаша а, суьйлийша а, адыгаша а, гIебартоша а, кхи болчара а) 1780—1859 шерашкахь биначу къиссамах лаьцна. Дезткъа шо хан дIалоцу цу замано.
Дуьне кхоьлличхьана уггаре къиза а, беха а колониальни тIемашах хилла и тIом. Ткъа иза уггаре а марсабаьлла хан — 1817—1859 шераш исторехь билгалдина Кавказан тIом аьлла. Шайн коьртехь Имам Шемал лаьтта ламанхой охьатаIо инзаре дукха эскар чуоьзнера лаьмнашка. ХIетахьлера Кавказ муха гуш хилла цу заманийн теш лаьттинчарна хаьа мегар ду Поттос язйина книга ешча: «Даима тIом кхехка, цхьаьнна а ца бевза и акха мохк моьттура дIавахнарг дийна юха ца воьрзу Iожаллин латта ду, цундела олу цунах ХIаллак хиларан Кавказ».

Паччахьан Iедало тIамца Нохчийчоь йоккхучу хенахь нохчий хьийкъина лаьттанашкара чолхечу лаьмнашка схьалалохкура. Уьш Хонкаре а, Шеме а, Урдуне а махкаха бохура, ткъа церан ярташ оьрсийша къизаллица хIаллак йора.
Нохчийн Республикин коьрта шахьар Соьлжа-ГIала 1818-чу шарахь нохчийн йиъ юрт а, цуьнан уллора ярташ а адамца цхьаьна дIа а шарйина йиллина ю, нохчий къарбина билгало хиларан гIап санна. «Грозная» цIе йолу гIап йиллинера уггаре а къиза мостагIа хилла нохчийн къоман иэсехь виссинчу паччахьан инарлас Ермоловс.

Нохчий доьналлица дуьхьал латар орамца кагда Iалашонца паччахьан эскаро шен ницкъ кхочург дора. Тоьпан даьндаргаца а, ницкъийн шорталлица а ца дакхкаделла латта дагийна а къардан лаьара царна. Сийначу цIергахь йогура нохчийн ярташ, дIадийна ялта, и луьста хьаннаш. XVIII-чу бIешерехь хIаллакйинера БухIан-юрт (Алды). Хууш ма-хиллара цигахь дийна цхьа жима кIант бен ца виссинера. Заманан йохалла Александр Чеченский аьлла инарла дуьненна а вевзар ву 1812-чу шарахь хиллачу Даймехкан тIеман цIеяххана турпалхо санна. XIX-чу бIешерехь йоьжнера Дади-Юрт. Цигахь паччахьан эскара гайтинчу къизаллина Хьалхара Александрc а йемал дира. Ма сий долуш хилла цу юьртан йожар. Нохчийн къоман иэсехь гутаренна а даха диссина Дади-юьртара мехкарша гайтина доьналла — шаьш саьлтиша йийсаре бина дIабуьгучу хенахь Теркала лилхинера мехкарий, шайна тIаьхьа саьлтий чу а такхош. Лар йоцуш ца яйна и жима юрт — цигара паччахьан эскара арадаьккхинера жима кхо бер — ткъа цара берриге а мехкан исторехь дашочу элпашца язъйина шайн цIерш — Россин исбаьхьаллин Академин академик Захаров Петр, Пушкина лаккхара мах хадийна хестош хилла меттан говзанча — Розен Айбулат, тIеман гIуллакххо Шамурзаев Бота.

Нохчий шайн лаьтта тIехь хIаллакбарца нийсса дIахьош шуьйра агитаци яра уьш Малхбален бусулба пачхьалкхашка шайн лаамехь дехьабовлийта. Цига дIабаха лаам кхоллабелачарна Iедало ахча а дара луш. МухIажарийн дахарера массо а кхачамбацар къасттол дукха иза дацахь а, амма некъана тоьъал дара.
Дерриге а дуьненчуьра демократически ницкъаша шуьйра къобалйора Кавказа Россина еш йолу дуьхьало, дуьненан маршонан къиссаман цхьа дакъа санна.

Шайн заманахь Маркс Карла а, Энгельс Фридриха а яздора Европан къаьмнаша масала эца дезара бохуш оьрсин паччахьаллина ламанхоша сел доьналлица бечу къиссаман. Амма цу къиссамера ницкъаш цхьатера бацара. Итта шарешца Кавказан лаьттахь цIий Iенош паччахьан Iедалан аьтто белира эххар Кавказан къаьмнаш къардина, шен пачхьалкхана юкъадерзо. Ишта яра колониальни тIеман хьайра кхаьчначу жима къоман юьхьанцара истори.
Нохчийн къоман исторехь Имам Шемала дIалаьцна меттиг буьззинчу барамехь теллина яц хIинца а, иза Iилманчаша шуьйра йийцаре еш а ю. Амма рогIера исторически гIалат ца дан, церан карахь хила деза тховса лерина къайладаьхна долу пачхьалкхан архивийн йозанаш. Хила тарло Имам Шемал паччахьан Iедалца бертавахана а, амма боккъалла а цуьнан тоьшалла хIинца а гучудаьлла дац.
Кавказан тIом дIабаьлла бIе ткъе итт шо сов хан яьлла. Паччахьан Iедал хуьйцуш, керла, социалистически олу раж беана.
Оьрсийн, советски культурин ламасташкахь масех нохчийн тIаьхье кхиъна. Ишколашкахь а, иштта лаккхара дешаран хьукматашкахь а оьрсийн мотт а, литература а Iамош, уьш боьлла церан культурах, ма-дарра аьлча керла нохчочун васт кхолладала доладелла. Амма цу Кавказан тIеман кIурлара кхерстара тховса Нохчийчоьхь яьлла цIе а. Советан Iедална нохчий мел муьтIахь хиллехь а, историн чкъург хьевззина яханчу замане керчира.

1994-чу шеран тIом болабелча а, иза дIабаьллачул тIаьхьа а дагчохь цхьа жима сатийсам бара цхьаммо хIара гIалат нисдийр хир ду-кх аьлла, хIара хьере зама сацийна, къизаллин чаккхе хир ю-кх аьлла.

Ма хийла дагахь доцург хилира цу тIамехь. Уггаре а вуочу гIенахь набарах дуьхьал а тоссур доцург, дагчохь а, кхетамехь а цкъа а хир ду аьлла ца моьттинарг.
Хала дара теша интернациональни боккхачу доьзалехь маьрша дехаш хиллачу жимачу къомана «воккхах волу» ваша ву баьхнарг сел мекар тIелетар ву. ХIинца бен ца кхийтира нохчий Росси «воккхах волу» ваша ца хиллий, иза «къиза десте» хиллий.
Пропаганда мел чIогIа хиллехь а бакъволчу мостагIчун васт хIинца а къаьсташ гучудаьлла дацара. Дукха хьолахь кийрахь цабезаман метта цхьа вас яра хIара ша дерриге цхьаммо хIуьттаренна тессина питина долуш санна. ТIом «Оьрсийн-нохчийн» олуш белахь а, ца лаьара иза ишта хилар тIелаца.

Арахь Iа доьллехь а, амма йовха яра. Соьлжа-ГIалин екхначу стиглахь гуо туьссура кеманаша. Парадехь санна хьуьнарш деш, лаккхара говзалла гойтура цара. Цецбевлла хьоьжура цаьрга нах. Соьлжа-ГIалахь шиъ аэродром а йолуш — цхьаъ граждански а, важа тIеман а, кема ганза меттигера бахархой ца хиллехь а, амма и тайпа хIума стиглахь кест-кеста гойла дацара, цундела бIаьрг тIера ца боккхура цара стиглахь хуьлучун.
Амма кеманаш нахана хазахетийта шайн хьунарш гойтуш дацара, цара гойтура шайгара ницкъ.
Ма ца тешара цхьа а, тахана маьрша стиглахь ловзучу цу кеманаша кхана-лама нохчийн лаьттахь Iожаллин хIу тоссур дуй. И тасса уьш дуьйладелира Нохчийчоьхь «конституционни низам юхаметтахIоттор» дIа а доладале, гIуранан (декабрь) беттан юьххьехь.
Дуьххьара цара хIаллакйира Соьлжа-ГIалин граждански аэропорт а, иштта Дудаевн авиаци лаьтта Ханкалара тIеман аэродром а. Цигахь дара советски тIеман техника дIасайоькъучу хенахь диссина дешаран кеманаш. Масех де далале нохчийн авиаци хIаллакйира.
Нохчийчоьхь «конституционни низам» дIахIотторан рогIера этап яра республике эскар чудалор. Башха дуьхьало а йоцуш и эскар хецна чудогIуш дара Соьлжа-ГIала. Ши бIе шо гергга истори а йолуш, пхи-ялх бIе эзар стаг вехаш йолу, и массо а агIор кхиъна, маьрша гIала яра цара йохо юьхьарлаьцнарг.
Бакъ долуш, Соьлжа-ГIала Къилбаседа Кавказан уггаре а хаза гIала яра. Иза кхиорехь мехала дакъа диллинера тайп-тайпанчу къаьмнашкара гIишлошъярхоша. ГIала йилларехь а, кхиорехь а хIуммаъ кIезиг къа ца хьегнера оьрсиша а. 70-чу шерашкахь дукха хьолахь Соьлжа-ГIалахь Iаш уьш ма бара. Амма оццул кхузахь Iаш оьрсий боллушшехь а юха ца бевлира цIий Iано хьаьгнаргш.

Соьлжа-ГIала а, цуьнан бахархой а хIаллак барехь пайда эцнера Россин эскаран уггаре а тоьллачу герзах а, тIеман ницкъах а. Соьлжа-ГIалахь хуьлуш долчун доцца маьIна довзуьйтуш цIечу элпашца яздина дешнаш дара гIала чувоггIучу — «Марша догIийла шу жоьжахате».
Иза ян а яра адамийн куьйга кхоьллина дуьненан жоьжахате. ХIаллак хила хьаьхначу гIалара арабовла хьаьгначу маьрша адамех йоьттина машенийн могIанаша Iарждинера урамаш, амма герз мухIажаршна тIе а дара детташ. Ша цаьпцалгаш санна зуз деш, царна тIехула хьийзара вертолеташ. Юха жимма уьш агIортеъча, стиглахь сийна цIе а летий, юха кийра ша буьллуш, гIовгIа йолура.
Нагахь санна мухIажаршца цхьа машен вертолетан пилотан бIаьрго лаьцнехь, цо цунна хIуммаъ къа ца хеташ, тоьпаш тухуш яра.
Хеталора и тIом бан арабевллачу нехан кийрахь дегнийн метта гIорийна тIулгаш ду. Адамехь хила йиш йоцучу къизаллица тIелетира уьш нохчийн къомана.
Хеталора церан дахаран Iалашо хилла ма хуьллу дукха маьрша адам хIаллак дар. Мичара баьллера цаьргахь и сел боккха цабезам, гамо, и йистйоцу къизалла?
Сийначу цIергахь догура цIенош, фабрикаш, заводаш, школаш, больницаш, берийн хьукматаш — жоьжахатан цIе кхерстара ерриге а Нохчийчоьхь. Массо а маьIIехь, ког биллал йолчу меттигехь Iохкура декъий. Оьрсийн саьлтийн а, маьрша бахархойн а декъаш тIехула бен доцуш дIасалелара танкаш, шайн чкъургаш тIе адамийн чуьйраш а хьерчош. Дийна биссинчу саьлтийша тергал ца дора шайн тIеман накъостийн декъий — царех хIинца бала пайда бац, царех мецачу жIаьлешна а, хьаргIанашна а кхача хилла. Муха хетар яцара тIаккха и Iаьржа гIала жоьжахатех тера?

Оьрсичохь мацах дуьйна а цкъа а мехала хетта дац адаман дахар. Iедало хIуммаъ йоцург лерина ду стеган дахар. Къаьсттина цундела «пачхьалкх» а, «халкъ» а боху ши кхетам Оьрсийчохь цкъа а цхьаьна богIуш ца хилла. Iедал халкъаца хийра хилар а, российски юкъаралла ша тIеIаткъам балуш йолу пачхьалкхалла кхолла ницкъ болуш ца хилар а ду оьрсийн массо а баланийн коьрта бахьана.

Шайн дахарна оццул боккха кхерам боллушшехь нохчаша шайн нехан декъий цкъа а дитина дац тесна. Цундела кешнашкахь гулбеллачу нехан тобанашна хазахетарца тIе герз деттара Россин эскархоша. Церан къизачу кхелана кIелхьара ца довлура даьхний а, уьстагIий а, кхи долу дийнаташ а. Доцца аьлча ишта дара Нохчийчоьхь «Конституционни низам юхаметтахIоттор»

Нохчийн къоман исторехь дукха тIемаш хилла, амма нохчий цкъа а ца кхевдина нехан латтана а, нехан маршонна а тIе. Цара дIахьош болу массо а къиссамаш шайн Даймохк ларбеш хилла бу.
Кавказехь цхьацца хенашкахь нисдела меттигера къаьмнаша вовшашца тIом бар, амма нохчий шайн дозанера цкъа а арабевлла бац. Царна дика хаьара Нохчийчоь мичахь йолалуш ю а, мичахь чекхйолуш ю а. Цунах кхета мегар ду муха хилла нохчийн къоман амал. Амма мила ву хIинца иза хаьа лууш?

Нохчийн къома цкъа а шен эскаре нуьцкъала кхойкхуш ца хилла. Даймохк ларбаран эскар шайнлаамхойх кхуллуш хилла ду даима а.
Нохчийн юкъараллин демократически кеп хIора а вахархочуьнга шен харжам байта бакъо луш хилла ю. Даймохк ларба герзаца аравалар а ца хилла цкъа а тIедожийна, иза иштта а хIоранна а хууш хилла шен сийлахь декхара хилар. Нохчийн эскаре кхайкхина воьдуш ца хилла, нохчийн эскаре Даймохк ларба ваха везий хууш хилла хIоранна а. ХIораммо а иза шен сийлахь декхара лоруш а хилла. Даймахке болу безам цIийца ийна ца хилча, цунах шен кийрара мерза са дIадала хIора а минотехь кийча ца хилча, бакъ волу саьлти хир ма вац. Цунна дуккха а масалаш а ду.
Шен тIеман декхара дIа ца кхехьа хIоранан а бакъо хилла. Цунна бахьана каро а дацара хала. Стаг шен лааме, шен даго бохучуьнца вуьтуш хилла, оцу кепара цунна маршо луш хилла, ткъа маьрша хилча стагана дика хаьа бакъ дерг харц долчунах къасто. ТIемаш дIадевлча а, тIом ца бинарш а, тIамехь цIий Iенийнарш а машарехь Iаш хилла, вовшашца цабезам боцуш.



















                ТIом

I

Нохчийчоьхь дуьххьара тоьпан тата хезна, синтем бухушшехь, кхийтира ИбрахIим ша Даймохк ларба аравер вуй.
Ша бина харжам нийса ца хила тарло-кх аьлла жимма а шеко ца йоьссира цуьнан дагчохь. Россин шуьйрачу хаамин гIирсийн пропагандин аьтто ца белира цуьнан ойла юхаяьккха. Цунна гуш ма дара «конституционни низам» аьлла цара цIе тиллинехь а, Нохчийчоьхь боьдуш берг бокъалла а тIом буй, шен къизаллица а, шортонца дуьненчохь хиллачу тIамел хIуммаъ эшна а ма бац.
Иза болабаларан бахьана а, цунна куьйгбехке мила ву а чаккхе йоцуш дийца мегар ду, амма цо ца хуьйцу кхолладелла хьал. Адамийн кхетаме диллича цхьаьна а кепара бехк боцуш тIамца шен махка веанчу мостагIчунна дуьхьал милла а гIоттур ву. Дудаевх реза боцуш хиллачара а кара герз ийцира шайн Даймохк ларба.
 

ИбрахIим кхетара хIара тIом Россин куьйгаллин боьхачу политикин тIаьхьало юй, ткъа къоман куьйгалле хIоттийна волу президент — цхьаьна а кепара дош лелаш вац, иза а хIара тIом болийначеран карахь ву.
ТIом –иза зулам ду! Доккха зулам ду хьан мохк хьоьгара боккхуш беш болу тIом, ткъа зуламца къийсса деза, цунах дIалучу механ терзан тIехь Iуьллуш хьан са далахь а.

Уггаре а хьалха ИбрахIима гIалара юьрта схьабалийра шен доьзал. Шегахь хиллачу ахчанан цхьа дакъа царна а дитина, ИбрахIим Соьлжа-ГIала юхавеара. Кхузахь масех дийнахь цо мел оьшу кечам бира тIамна аравала. Духар ийцира, тоха герз а, кхин болу тIамехь оьшу гIирс а. Цунна дика хаьара ша хьанна дуьхьал араволуш ву. Цунна дика евзара Россин эскаран ерриге а мекаралла. ИбрахIим санна цу эскарна дуьхьал арабевлларш хIуммаъ кIезиг а бацара.
Лерина кечам биначул тIаьхьа, ИбрахIим тIемалойх дIакхийтира. ТIеман кIурлахь ша хилла воллушшехь, амма хIара тIом шатайпа бара цунна.
ХIара тайпа къизалла цунна шен дахарехь цкъа а гина яцара. Афганистанера тIом а ловзар хийтира ИбрахIимана Соьлжа-ГIалин урамашкахь хуьлуш дерг шена гича. Иза кхетара кхузахь Дела орцах ца валахь шен а, шен накъостийн а кхин ницкъ хир боций. Де доьхна, собар кхачийна, сабIарзделларш наггахь допингах кхетара, амма цо а ца ларвора лера йистехь еттачу даьндаргийн гIовгIанах, охьакхиссинчу декъийн оьхучу хьожанах, гIалаюкъахула охьауьдучу цу цIийн Iоврех. Кхузахь уггаре а боккха ницкъ иза хьо кху къиссамна хIун бахьана долуш араваьлла ву хууш хилар дара. Хала дацара вала Даймохк бахьнехь, хьайн доьзал бахьнехь, хьайн сий бахьнехь леш вуй хууш хилча.
ТIемалоша дуккхозза тидам бинера бахархой дIабахана деса цIачуьра я петарчуьра, бIаьрг тIехIоьттина цигара цхьаъ хьаэцна верг шайна юкъара дукха хан ялале я чевнаш хилий вужура, я вийна каравора. Цундела тIемалой юучух бен ца кхетара, хIунда аьлча царна хаьара бахархоша кхаьрга схьаэцийта гучохь охьадиллина хуьлий кхачанан сурсаташ.

ИбрахIиман да Заурбек кIоргера Делах тешаш стаг вара. Махках ваьккхинчу хенахь а, иштта набахтехь волуш а иза муьтIахь вара бусулба динна. Шен берашка а олура цо:
— Делах тешар ду дахаран коьрта гIотор. Делах тешар дIадаьллий стаг адаман кепара вуху».
ВорхI шо кхаьчначу дийнахь дуьйна ламаз деш вара ИбрахIим. Эскарехь волуш бен ца дитира цо ламазаш. Иштта жима волуш дуьйна марха кхобуш а вара. Цкъа ИбрахIима дешнера ингалс къомах волчу Iилманчас Карлейль Томаса бусулба динах аьлларг: «Ислам дин дуьненчу доьссина далале цуьнан цIергахь дегира Iаьрбойн ширкалла а, керста нехан къовсамах. Харц ме дерг исламан цIергахь дегира ша декъа дечиг санна. Ткъа цул тIаьхьа яьлла цIе лагIелира. АллахIа Iаьрбой ислам динаца боданера серлоне арабехира. Цо самадеккхира цу боданехь дижина Iиллина къам, самадаьккхира хIара дуьне дилличхьана цхьанна а хезаш ца хилла, дуй хууш ца хилла латта.

АллахIа шен Элча воссийра царна. Ткъа цу мIаьргонехь цу къоман цIе сирлаелира, Iилма цаьрга деара, ницкъ цаьрга беара, сийлалла цаьрга еара. Бусулба дин Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дIакхайкхича цуьнан зIаьнара цхьаьнатуьйхира Къилбаседа Къилбанца а, Малхабале Малхбузеца а. И хилла бIе шо далале Iаьрбойн пачхьалкхас цхьа ког Индехь хийцира, ткъа важа ког Андалузехь. Дуккха а бIешерашна тоьира бусулба дина еана серло. Исламан хазалла а, доьналла а, шорто а яьржира ах дуьненахь».
ИбрахIимана хаьара ислам — иза хIора сохьтехь, хIора мIаьргонехь стеган са цIиндалар, дикалле, кхачалле кхийдар дуй. Ткъа исламан лакхене доьду тIегIа — иза ламаз ду, марха ду, сагIийна хIума ялар ду, гIурба дер ду, Макке хьаж дар ду. Исламан лехамашка стага шен дахар нисдича хуьлу цунах боккъалла а, хила ма деззара Адам. Ткъа ишта адамна кхераме яц яьккхий тоьпаш а, эскаран къиза бIо а. Ишта адаман цхьа кхерам бу — АллахIахI кхерар.
Iожаллах ца кхоьруш верг я Iовдал ву, я боккъалла а Делах а, цуьнан кхелах а тешаш верг ву. Карлейль Томаса аьлла ду: «Муьлха а стеган мах цуьнан шен динах тешарца а, ца тешарца а хадош бу». Цу дешнийн кIоргера философски маьIна хилар тIамтIехь дика гуш хуьлура.
Шен дуьххьара доьзалхо а боккъалла а Адам хилиийта лууш ма тиллинера ИбрахIима цунна Ислам цIе.



II
 

ИбрахIимана а, иштта и санна шайн Даймохк ларба арабевллачарна а дуьхьал летара оьрсийн оккупанташ — саьлтий, эпсараш, Россин цхьаьнха а балхахь а, некъахь а боцучу бахархойх лаьтта йолахойн тобанаш, набахтера арахецна уголовникаш. Нагахь санна эпсараша а, саьлтиша а шайн куьйгаллин тIедахкарш кхочуш деш делахь, ткъа йолахой иблисан лаам кхочуш беш бара.
Царна юкъахь хила тарлора ИбрахIимца цхьаьна белшах белш а таIийна Афганистанехь леташ хилларш а. ИбрахIимана хаьара уьш кIиллой боций, амма хIете а цхьа ийзалора уьш, ког хецна ца бора ца и тIом. Цунах кхета мегар дара. Царна ца хаьара шаьш хIун къуьйссуш бу. МостагIчун васт тIаьхь-тIаьхьа бен кхоллалуш дацара, иза а шайн тIеман накъостий цхьаъ цхьанна тIаьхьа эга буьйлабелча бен.

Россин эскар Iаламат дукха хиллехь а, амма цуьнан эшамийн терахь де дийне мел долу алсам долуш дара. Цул совнаха Россин саьлтий шайн эскаран хиллачу бIаьхошца леташ ма бара, цу бIаьхошна хаьара шаьш къуьссуш ерг Даймехкан маршо юй а. Цундела дацара чубеанчу бIонна хIара жима мохк къарба ишта атта.
Нохчийчоьнна шаьш тIелатале дукха хан йоцуш хьалха Россин Федерацин Оборонин министра Грачев Павелс курро дIахьедар динера ша Соьлжа-ГIала шина сохьтах йоккхур ю аьлла. Дуьненчура муьлха а кхин гIала яьккха а тарлора цо, амма Соьлжа-ГIала-м яккхалур яцара я яьккха ца елира.

Дуьне цецдаьккхинчу нохчийн бIаьхойн доьналлас ца дайтира Грачевга шен дош кхочуш.
Нохчийн тIемалошах Россин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь бандиташ олура. Амма мичахь гина дара зуламхойн жимачу тобане бIе эзар сов мостагIийн бIо чубеана йолу гIала ларъялар.
Уьш бандиташ бацара, уьш зуламхой бацара. Уьш зуламна, вуонна арабевлла а бацара. Уьш Даймохк ларба цIена ният дина арабевлла нохчийн бакъ болу къонахий бара. Дерриге а дуьненна эхь ду церан цIерш заманан йохалла йицйина хилар. Кхо бIе спартанцах лаьцна санна къеггина эпитафи а язъйийр яц царна, ткъа церан доьналла-м кхин а леккха ма дара. Дуьне дегош лелхачу бомбанийн гIовгIанаш, юьйлчу яьккхий тоьпийн татанаш, даьндаргаша етта шакарш, тIегIертачу танкийн тата, лаьттахь яьллачу сийначу цIарах цIийелла стигла, хIора а мIаьргонехь леш долу адамаш, Iазапан набахтешкахь тIетуьссу жIаьлеш, юкъараллехь дийнна къоман сийсаза еш йолу цIе — иза дуста мегар дарий Фермопилашкахь хиллачунца?
Россин а, иштта дозанал арахьара а шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь баьржина цхьа хаам бара Соьлжа-ГIала йоккхуш Россин ярташкара берхIиттара а бовлаза кегий нах бара бохуш. Амма 1994-чу шеран гIуранан (декабрь) беттан 1995-чу шеран чилланан (февраль) бутт кхаччалц Соьлжа-ГIалара хиламаш гинарг реза хир вацара цу аларца. Ярташкара бераш а хила тарлора царна юкъахь, амма цу эскаран лард латтош берш цIий Iано хьаьгна, шайн ницкъаша бахийна, цабезамо хьере бина, гIеметтахIоьттина эскархой бара. Царна бен вацара я хан яьлла оьрсийн воккха стаг я, хIинца бен хIара дуьне ца гина нохчийн бер а.
Соьлжа-ГIала юккъе чуеара хIаваэра а, лаьтта тIера а гIо деш бронетехника. Россин инарлаша ШолгIачу дуьненан тIеман зеделлачух пайда ца эцначух тера дара, хIунда аьлча Сталинградски латарехь а, иштта Берлин йоккхучу хенахь а хиира йоккхачу гIалахь танках пайда хир боций, мелхо иза йохо атта хиларрий бен. Муьлхха а дукха гIаьтнаш йолу дохийна цIенох «Град» а, Ураган» а ца йийцича а, бомба тоьхча а эккхар йоцуш чIогIа бункер хуьлура.

Пхиппа, итт-итт стагана тобанашна бекъа а лой, нохчийн тIемалоша дохийначу цIенойн корашкахула тоьпаш йоьттура танкашна а, пехотана а. Тактика башха чолхе яцахь а, амма шен шатайпалла йолуш яра: цкъа хьалха йогIу танк йохайора, юха уггаре а тIаьхьа йогIуш ерг, ткъа цул тIаьхьа юккъехь йогIурш хIаллакйора.
Гранотомета ца деш диссинарг танкана чохь йолчу боезапаса деш дара. Россин саьлтий дукха хьолахь цу танкашчохь дийна боллушшехь цIарах богура, ткъа араэккха ларийнарг тоьпаш тоьхна вуьйш вара.
ИбрахIиман тобано дакъа лецира ачьканекъийн вокзалана гена доццуш танкови колонна йохорехь. Дукха мостагIий ца биссира хIетахь дийна, ткъа биссинарш а йийсаре лецира.
ХIора а цIа, хIора а урам къизачу тIамца яьккха дезаш хуьлура саьлтийн. Дуьхьал леташ берш ницкъаца къарлур болуш бацара, церан гIора дIадолура яа хIума а, герз а ца хилар бахьана долуш.

Нохчийн эскаран тIеман куьйгаллас сацам бинера тIамца гIалачуьра арабовла. Грачевс шина сохьтах караерзор ю баьхна гIала, шина-кхаа баттаха бен ца яьккхаелира Россин эскаре. Нохчийн бIаьхой тIамца лаьмнашка дIабахара.
Нохчийчуьра Россин тIеман командованис а, иштта Нохчийчуьра Москвана тIетевжина кхоьллинчу шен куьйгаллехь Завгаев Докка а волчу Правительствос тIелаьцнера шен хиларца мекара а, яьхь йоцу а сацам. Муьлха а блокаде лаьцначу юьртан бахархошна а, куьйгаллина а ультиматум хIоттош яра: я аш билггал оццул барамехь герз схьа а лой Россин эскарца машар а, барт а баран кехатана буха куьйг яздо, я шун юрт хIаллакйина дIайоккхуш ю.
Шеко йоцуш цу акцин коьрта Iалашо яра Нохчийчуьра бахархой тIемалошна дуьхьал а берзош, къоман барт бохор. Цу Iалашонца нийсса инарлийн шайн хьашташ кхочуш дан лаам а бара.

Муьлха а юьртан гуо лоций охьа а ховший, цара бахархошна кхерамаш туьссура — билггал оццул ахча аш ца лахь юрт лаьттаца дIашарййир ю бохуш. Ишта яра «конституционни низам» хIотто баьхкинчеран амалаш. Нохчийн кица ду: «Говрах лата ца ваьхьнарг нуьйрах летта». Оцу кепара оьрсийн саьлтий а тIемалошца и тайпа къамел дан ца хIуттуш болу, маьрша адамийн коча боьлхура.
Инарлаша дийцарехь, эскарна догIу алапа хьа ца луш, цуьнгара хьал тиша долуш доьхуш дара ахча. Саьлтий нохчийн йохийначу хIусамашкахула хьийзара хIуманаш лечкъош. Лаккхарчу составан эпсараша саьлтийша лечкъийна йийбар а, кхин йолу хIума бронетранспортераш тIе хьала а йохийте Россе дIахьажайора.
Иштта Эна-Хишка юрт (Серноводск) кIелхьара елира ши бIе эзар доллар ахча а делла, ткъа берта яха ца лиъначу СемаIашкана хIун дира? Дуьненна а ца гина къизалла гайтира цигахь оьрсийн саьлтиша. Стиглара а, лаьттара а деттачу герзаца и юрт хIаллак яр ца тоьуш, цара инзаре къизаллица дойура цигара адамаш. «ЦIечу ЖаIаран» (Красный Крест) комитетан а, ООН-нан тайп-тайпана хаамашца цигахь байинчу маьрша нехан терахь кхо бIе стаге кхаччалц дара.
Юьртахь бехачу нехан терахье хьаьжжина, саьлтишна дIадала дезачу герзан барам бара хIоттийна. Цхьаммо а ойла ца йора мичара хир ду юьртахь оццул герз? Амма аьлларг аьлла даьлла — заманан йохалла аш къа хьегна вовшах мел тоьхнарг кху цхьаьна мIаьргонехь цIе тесна дагор долуш ду, шу шаьш дийна дитахь а доккха хIума ду. Цу хьолера довла нахана атта дацара. Массара а цхьа барт хуьлий ахча вовшахтухура, ткъа цуьнах къайлах оцу саьлтишкара герз оьцура.
Ткъа юха Iуьйранна тIехьажийна камераш а йолуш и герз шаьш эцначу саьлтишка юха дIадала боьлхура уьш. И видеош юха ДоренковгIара а, ЛеонтьевгIара а хазахетарца дечу дIахьедаршца дерриге а дуьненна гойтура.
Ишта хIетахь дIа мел делла долу герз тIекалдиллича Нохчийчоьнан хIора а вахархочун цIарах ши-кхоъ автомат а, иштта масех гранатомет а хир яра.

III

1995-чу шеран бекарг (март) беттан чаккхенехь эскар массо а агIонашкара тIелетира Хьалха-Мартанан кIоштан кхаа юьртана — Олхазар-КIотарна а, СаIдий-КIотарна а, ГIойистана а.
И массо а ярташ вовшашца йозуш хиларо, аьтто лора цигара лаьмнашка новкъарло йоцуш схьалабаха — Шуьйта а, Итон-Кхела а, Шара а, ЧIебарла а.
Цу яртийн гуо лаьцначу эскаран куьйгалла деш вара Россин инарла Кондратьев. Цигахь шен меттамотт биллина, цо дIадолийра яртийн векалшца къамел.
Бахархошна Кондратьевс сиха дIахаийтира кхузара хьолан да мила ву. Цхьа дош ца долура цуьнан багара кхерам ца тоссуш. Ша дуьйцург деса къамел доций хаийта цо тIедиллар дира ГIойист юьртана тIеман вертолеташ тIехохкуш атака яран кеп хIотто.
Иштта цо омра динера юьртара цкъа мукъне а топ яьлла хазахь ерриге а ГIойист хIаллак ян. И юрт цо ишта юьхьарлацаран коьрта бахьана дара цигахь командираша Закаев Ахьмада а, Гелаев Руслана а куьйгалла а деш нохчийн тIемалойн подразделениш хилар.
ТIемалоша къаьсттина и юрт харжар доьзна дара иза стратегически атта хиларца. Нагахь санна юхадовла дезаш хилахь, кхузахь лаьмнашка дIаоьху шортта некъан тачанаш дара.
Кхета хала дацара кху кхаа яртех цхьаъ, бахархоша мел дехарш дарх а, масалина хIаллак йийр юй.
Цундела сацам хилира тIаме хIотта. Дукхох болу бахархой нийса кхийтира Закаевс а, Гелаевс а дечух, амма реза боцурш а бара.
ГIойист юьртана тIехIоьттинарг ирча де дара. Амма кхолламан кхелах цхьа а ваьлла вац.
Масех дийнахь тIамца дIахьош таллам бара. Россин эскарша нохчийн тIемалой болу меттиг толлуш, цу юьртара хIора а бецан хелиг а ца дуьтура лазонза.
Чот йоцуш эскар чуоьзнера цара цига. Пайда оьцура кху заманан лехамашца догIучу уггаре а тоьлла герзах — «Ураган», «Град», «Птурс».
Бронетехникас ечу атакин гIо лоцуш дара Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон а, иштта лериначу ницкъийн а эскарш.
Дуьххьара арайоллушшехь аьтто белира ИбрахIиман тобанан йоккха цхьа танк а, ши БТР а йохо а. РогIера тIелатарехь цара кхин а масех танк йохийра.
ГIойист урамашкахула толамца чекхдала аьтто ца хуьлура Россин эскаран. Нохчийн тIемалоша доьналлица юхатухура церан массо а атакаш. ХIоразза а юхадовла дезаш хуьлура оьрсийн эскар.
Ца хуьлучу даьлча Кондратьев-м гIоьртира юьртара къаношца а, иштта шайна дуьхьал летачаьрца а къамел дан а, цхьаьна агIор барт бан а, амма я юрт а, я тIемалой а реза ца хилира. Цкъа а дицдан мегар дац нохчийн къаночо оьрсийн инарле делла и майра жоп:
— ХIинцалц оха тхуна машар беза бохучу хенахь тхан къамелана куро а йина, тахана стенна веъна хьо хьуо машар беха? Чекхдаккха айхьа долийна долу хьайн боьха гIуллакх. Тхан хIинца сагатдан хIуммаъ диссина дац кху юьртахь — аш кешний керташ а ца йитина тхуна…

Боьха гIуллакх-м саца ца дира. Къемата де хIоьттира ГIойистехь. Генара еттачу яьккхий тоьпех лелхара латта, кеманашца охьаеттачу бомбанех цIе летта йогура стигла. Цхьаьна а минотана соцуш доцу и тIеман дарц лан нохчийн тIемалойн аьтто хуьлура масех де хьалха шаьш яьхна окопаш бахьана долуш. Ерриге а юрт яра аьхкина. Ткъа вовшашца зIе тIемалоша латтайора лаьтта бухахь яхначу тоннелашца. ХIаваэра кеманаша шайна тIелатар дечу хенахь тIемалой окопаш чохь къайлабуьйлура.
СаIдий-КIотарара а, Олхазар-КIотарара а дIахьаьжча кераюккъехь санна гуш дара ГIойистехь хуьлуш дерг. Цигара бахархойн дегнашна лан хала дара и сурт. Деган Iийжамца хьуьссура уьш шайн лулара юрт бехк боцуш, сел къиза хIаллак яре.
ГIойистехь хуьлуш дерг гича кхета мегар дара муха хIоттош хилла Россис «конституционни низам». Ма сагатдора массара а чот йоцучу мостагIийн бIонах тийссалучу цу майра кIентех. Юург юй те церан? Герз чекх-м ца даьлла те? Доьналла кхача-м ца дина те? ЛакхтIера чухьаьжча гуш дара мел цхьатерра бац церан ницкъаш. Махца йогIу хIордан тулгIе санна чухьадира и эскар цу жимачу юьртана. Амма цуьнан цкъа хаза хиллачу урамашкахь шайн Iожалла карайой оьгура мостагIий. ХIинца а стиглара хIа гуш ду сийна цIе летта догу вертолет, амма цуьнан метта кхин дерг хир ма ду. Церан герз а, адам а кхачош ма дац. Рацичухула хеза бетта мохь:
— ИбрахIим! ИбрахIим, хьо волчу агIор тIегIерташ кхо БМП ю хьуна! ТIелоцур юй ахь?
— Къамел дац! Диканца йогIуш ялахь, дика хьошалла а дийр ма дара, ткъа хIинца гранотометаца тIе ца эцча а ма ца волу…
Цо кхочуш дира ша делла дош — БМП-ш а, пехота а хIаллак хилира. Масех шо хьалха ма дага догIур дацара ИбрахIимана дукха хан ялале бераш Iамо каралаьцна жайна ша тоьпана хуьйцур дуй. Амма хIу дийр ду? Дела гуш ву — ИбрахIимана оьшуш тIом бацара хIара, цунна цкъа а лиъна дацара адаман цIий Iано, амма хIара тIом ца бича иза ца волура, хIунда аьлча Даймохк бара ларба безаш берг!
— АллахIу Акбар! — рацичухула ИбрахIиман хеза и мохь сацо а, лагIба а хеталора дуьненчохь цхьа а ницкъ хир бац. Буьрса тIом боьдуш бара…
ИбрахIим шен тобанца массо а агIор мостагIчо тIе герз деттачу цхьаьна цIено чохь вара. Ткъех метр цунна гена йоцуш, нийсса дуьххьал танк сецира. Цуьнан йоьккхачу тоьпан Iуьрг нийсса ИбрахIимана а, цуьнан бIаьхошна а тIехьажийна дара. Масех мIаьрго бен ца йиссинера йоккха топ яла. Корахула танкана гранотомет тоха а йиш яцара, кораш кегдина дIадевллера. Ткъа мостагIчо-м саццанза цIенонна тIехьажийна герз деттара. Секондаш яра оьшурш танкана гранотомет тIе а хьажийна и тоха, амма уьш яцара. ИбрахIим а цуьнан тоба а гуттаренна а юьссур ю кху цIенойн херцарш бухахь. Амма ИбрахIима ца моьттург до. Иза гранотометах ка а тоьхна, корах ара кхоссало. Карахь и гранотомет а йолуш, хIаваэхь кхоссалой тIекалэккха и, ткъа юха лаьтта ша охьалахлуш, иза лараво танкана гранотомет тIехьажо. Шина кога тIе охьа а лахвелла иза ларийра мостагIчул хьалха гранотомет тоха. Цуьнан снаряд нийсса танкан башни кIел кхетта, иза кхоссаелла дIаяхара.
Гранотомет охьа а кхоьссина, ИбрахIим сихонца юха а корах чувелира.
ТIемалошна дукха хIума гинера, амма ИбрахIима диначо цец ца воккхуш вуьтур вацара цхьа а. Дан амал дац аьлла моьттинчу хенахь алсам болу-кх стагера ницкъ.
Тайп-тайпана хаамашца, ГIойист йоккхучу цхьаьна дийнахь Россин эскарана хилла эшамаш ишта бара — чевнаш йинарш ца лоруш ши бIе вийна стаг а, йохийна кхо танк а, чудаийтина цхьа кема а, ягийна цхьайтта БТР а, дохийна цхьа вертолет а.
ТIемалошна хилла зен ишта доккха дацара. Инарла Кондратьевна хаьа дезаш хиллера шена духьал леташ берш шайл кIезиг белахь а, шайгахьчул доьналла долуш буй.
ШолгIачу дийнахь рогIера латарехь чевнаш хилла вуьйжира ИбрахIим. Дукха чIогIа лазийна боцучу накъосташа аравеккхира и цигара, ткъа чевнаш ца йинарш кхи дIа тIом бан цигахь биссира. ИбрахIим Олхазар-КIотара дIавигира. Цигара медйишас Мадинас шега далучу агIор гIо дира цунна — когана йина чов кеч а йина, ког д1абихкира.
Чов чIогIа хиллера — ерриге а буност йохийна яра. Лаккхара лоьрийн гIо дара сихонца оьшуш. Кхузара итт километр бен генахь йоцучу Йоккхачу АтагIа иза дIавига чIогIа кхераме дара, хIунда аьлча гуо баьккхина лаьттара мостагIийн эскар.
Амма хIете а масех стаг велира шаьш лахь а, биссахь бен ца хеташ ИбрахIим Йоккхачу АтагIа дIакхачо.
Буьйсанан ши сахьт даьлча уьш новкъабевлира. Буса а сацийна дацара юьртйистошка герз деттар. Стиглахь седарчашца нийсса лепара серлонаш — парашюташ тIехь арахецна осветительни ракеташ, цара ярташна а, аренашна а тIехула тоьпаш еттара. Делан къинхетамца кхин дагахь доцург дуьхьал ца долуш, кхаа сахьтах дIакхечира тоба. Кхолладеллачу хьелашкахь уьш вуно сиха ларийра ИбрахIим цига дIакхачо.
Больницехь ИбрахIиман гуо бира лоьраша. Iедало хан тоххал кхераме дара царна хIара болх бар, амма иза хуушшехь тIелецира цара шайна ИбрахIим ког боцуш ца виссийтар. Амма чов чIогIа хилар бахьана долуш а, иштта сихонца лоьрийн гIо дина ца хиларна а абцесс йолаеллера. Цундела ИбрахIим дийна висса лаахь, ког дIабаккха безаш бара. Лоьраша цуьнан хIусамненера Хьавагара пурба дихира операци кхочуш ян, ткъа цо и шен рогIехь ИбрахIиман дегара Заурбекера дехнера. Хьава кхуза ИбрахIиман накъосташа шолгIачу дийнахь схьаялийнера. Кхин дан амал доций хууш волу Заурбек реза хилира кIентан ког дIабаккхийта. Заурбека шен дегIан цхьа а меже кхоор яцара кIантана, оццул деза а, хьоме а дара цунна шен жимох волчу кIентан дахар. Заурбек кхетара цу тIамехь хуьлучунах. Иза кхетара нохчий санна Нохчийчу и тIом бохьуш беънарш а леш буй, кхетара нохчийн наной санна цхьанхьа боьлхуш оьрсийн наной а буй. Цунна башха лиъна дацара ИбрахIима кара герз эцар. Цунна хиъна а дацара кIант тIом бан вахний. ИбрахIима цхьаьнга а аьлла ма дацара. ТIаме дIавахале дена къайлах ненера пурба даьккхира цо. Нагахь санна шена цхьаъ хуьлуш хилахь а, нана реза йоцуш коша ваха ца лаьара цунна.
ИбрахIимана хаьара шен дахар цкъа Делан карахь ду, юха иза шен де-ненан ду, ткъа да-нана дIадаьлча бен хир вац иза шен берийн. Бераша шайн берашчул дукхох лара деза да-нана.
ИбрахIим операционни стоьла тIехь Iуьллуш вара. Цунна хаьара шега садеIалуш доций. АгIо харца лаьара цунна, амма догах цхьа ира хIума Iоттаелча санна хеталора. Дог гIеллуш дара цуьнан, кхетам бовш бара. Амма хIете а цхьацца дешнаш хезара цунна шена уллохь:
— Пульс… дог… кислород… электрошок…
Дерриге а дуьне цхьа кIайн марха санна дара, цу мархаш юкъахь гуш дара безначийн гIаларташ. Нана… хаза, жима нана… цо куьйг лаьцна вуьгуш ву хIара Олхазар-КIотаран сенлучу аренашкахула. Когаш бухахь мохо лестош ду ПетIамат зезаг.
— Лаз ма делахь и — олу нанас.
Ма хаза ю бIаьсте… бIаьсте хилла-кх арахь. ДIо генахь лаьмнаш а ду гуш, шайн къоьжа кортош а къегош. Ткъа тIом ма бара… хьажахь гIан хилла-кх суна гинарг… Дадин кхор а бу кIайн нускал санна бIаьстенан зазано кечбина лаьтташ… Нана… хьо стенга йоьду? Собар дехьа, дIа ма гIохьа…
Ткъа уьш муьлш бу? Хьенан ду и нуьре сибаташ… хIорш накъостий ма бу… гIазотехь кхелхина накъостий… тхо декъала хилла хьуна — хеза ИбрахIимана церан аьзнаш. И мархаш хийцало сих-сиха хIара цхьаьна заманера вукху замане вуьгуш. Ткъа юха ИбрахIим самаволу. Цунна шена дуьхьал мел тессинарг дага а догIу…
 

IV

ГIеметтахIоьттинчу хенахь заьIап виссира ИбрахIим. Цуьнан могашалла сиха меттахIоттийтархьама лоьраша гергарчаьрга хьехар дира иза луларчу регионашкара цхьаьна больнице вига веза аьлла. Ха деш болчарна кхаьънаш луш, гуо баьккхина доьду некъаш лоьхуш, халла дIакхечира уьш ГIебартой-Балкхарера Нальчик гIала. Ялх баттахь Iиллира цигара больницехь ИбрахIим. Цу бехачу ялха баттахь совгIаташца, ахчанца и лоьраш хьоьстура ИбрахIиман доьзала цаьрга совнаха хIумнаш ца хеттийта. ИбрахIиман тIехь Iуьналла деш, иза лелош цуьнан хIусамнана Хьава а, йиша Зарган а яра, иштта Германера цIа веана СаьIид а. Лоьрашка цара олура ИбрахIим маьрша вахархо санна тIамо лазийна ву. Кхерам хила бахьанаш шортта дара. ФСБ-на хIара кхузахь хилар ца хууш дуьссур ду бохург а бакъ дацара.
Больницехь Iуьллуш, ИбрахIима боккхачу сингаттамца тергал бора палати чохь йолчу телевизорчухула Нохчийчоьнах лаьцна буьйцу хаамаш.
Я газеташа яздеш дерг а, я телевиденис гойтуш дерг а, я Нохчийчуьра догIу эладитташ а башха сатедеш дацара. ИбрахIима чIогIа сагатдора шен Даймахках а, шен гергарчарах а, шен дерриге а къомах а.
ИбрахIимана хиира Нохчийчоь ларъян арабевлла хилла дукха цIеяххана майра кIентий декъала хиллий а. Иштта цуьнга дийцира Басаев Шемалан тоба Россин Буденовск гIала яьккха яхарах лаьцна а.
Дукхох долчу шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь яздора шен тIемалой цо камазашца дIабигна хилла, ткъа башха йоккха йоцу цуьнан тобанан аьтто баьлла Нохчийчуьра хилла ца Iаш Россера а ха деш долчу Iедалах атта чекхяла.

Машенашка Iедал ца хьажийта, КПП-хь кхаьънаш луш хилла. Басаевс дийцарехь, уьш Минеральные Воды гIала кхаччалц баха дагахь хиллера, амма милиционерийн сутаралла бахьана долуш ахча сиха кхачийра, цундела Буденовскехь совца дийзира.
Цигахь цара дIалецира ГIалин Советан гIишло а, милици а, иштта закъалтана лецира ши эзар стаг а, ткъа шаьш гIалин больница дIа а лаьцна, цу чохь севцира. Байина а, закъалтана лаьцначеран а юкъара терахь хьоле хьаьжжина хийцалуш дара.
Нагахь санна нуьцкъаллин структураша больницина штурм ян шайн Iалашонах лаьцна дIахьедар дича закъалтана лаьцначеран терахь лахлуш дара, ткъа байинчеран терахь алсам долуш дара. Нагахь санна Басаевн къизалла юьйцуш хилча закъалтана лаьцнацеран а, байинчеран а терахь алсам долура.
ГIалин больнице схьаоьзнера Iаламат дукха лерина ницкъийн подразделениш — «Альфа», «Бета», «Омега».
Уьш моссийттаза а кхиам боцуш гIоьртира больница яьккха. Кхузахь а Соьлжа-ГIалахь санна Iедало гайтира адаман дахар шайна хIуммаъ йоцург хетар — штурм еш больница чохь закъалтана лаьцначарна юкъара дуккха а нах лазийра.
Басаевс коьртачу декъехь билламе диллинарг дара Нохчийчуьра тIом сацош, сихонца эскар арадаккхар. Басаевн тIедилларца тоьпаш тоьхнера масех йийсаре виначу стагана, царна юкъахь бара летчикаш, тIеман гIуллакххой а, милицонераш а. Цхьаьна а агIор — я адамаллица а, я законаца а хIума дацара иза. Кхин болу закъалтана лаьцначу нахах куьйг ца туьйхира цара.
Нохчийчуьра хьал мелла а девзаш верг кхетара Басаевс Буденовске дина хьошалла туьйранехь бен хила мегаш хIума доций, хIунда аьлча ерриге а республикехь метр йохаллина а ког баккха йиш яцара пост йоцуш, ткъа луларчу республикашкахь-м тешне а.

Цхьаболчарна хетара иза Россин лериначу ницкъашца цхьаьна дина гIуллакх ду а — Басаевн тоба цара Нохчийчуьра федеральни вертолеташца дехьа а яьккхина, ткъа цигахь камазаш чуховшийна тIемалой. Алар-бахар дукха дара, уьш массо а бух боцуш а дацара, хIунда аьлча массарна а хууш дара шен хенахь Басаевс Россин агIо а лаьцна Гуьржи Махкана дуьхьал Абхазера хиламашкахь дакъа лаьцна хилар а. Цул совнаха халкълахь лелаш цхьа хабар дара иза ГРУ сотрудник ву бохуш.
Цунах лаьцна яздора Буденовскера хиламашах лаьцна Бунича яьккхинчку книги тIехь.
Россехь хилла ца Iаш дерриге а дуьненахь Буденовскера хиламаш гIарабевллачул тIаьхьа, пхи де даьлча, Россин Правительствон премьера Черномырдин Виктор Басаевс аьлларг дан реза хилира, ткъа Ельцин хIетахь вижина волчух тера дара. Басаевн тобанна масех автобус а елира, иштта цуьнца цхьаьна Нохчийчу кхаччалц дIахьовсийра закъалтана лаьцначу нахана юкъара шайн лаамехь иттех стаг а, журналисташ а.
Массо а кхоьруш вара Россис цхьа тешанбекх барна. Я бехк а бацара, хIунда аьлча эскархоша закъалтана лаьцна болчарна тIедожийра уьш Iедало аьлла боьлхуш бац, шайн лаамехь боьлхуш бу аьлла тоьшалла дечу кехатана буха куьйг яздаре. Амма колонна цхьа а новкъарло йоцуш Дагестанехула чекхелира, цигара Нохчийчуьра Ведана а, ткъа цул тIаьхьа автобусаш юхайирзира.
Басаев Буденовске вахарна бехк тIебилла стаг а карийра. Уьш хиллера масех милиционер. Премьер-министра Черномырдина ша делла дош кхочуш ца дира. Бакъдерг дийцича, жимма саца-м сецира тIом, амма дукха хан ялале дерриге а ша хиллачу хорше хьаьвзина схьадеара. Ишта бара дерриге а дуьненна а хезаш Россин Правительствон премьера деллачу дешан мах.

Басаев Буденовске ваханчул тIаьхьа, Радуев Салман Дагестанера ГIизларе а, Первомайски олучу юьрта а кхечира. Басаев Шемалца яьхье ваьллачух тера дара Радуев, амма цо динарг гIара ца долуш диссира. ФСБ директора Барсуковс хIетахь аьллера: «РадуевгIар цигара когаш а Iуьйра бевддера. Суна дага а догIур дацара и санна дерг, цундела царна тIаьхьа кхиа хала дара. МостагIчун ишта стратеги хила тарлой, дага а ца деанера тхуна».

Милла а мичча а водахь а, Нохчийчуьра адам дайар-м сацийна дацара. 1995-чу шарахь дIадоладелира Нохчийн Республика юхаметтахIоттош ю бохург. Цу Iалашонна Нохчийчу инзаре дукха ахча чухьаьдира. Д1ахьединера цу шарахь республика юхаметтахIотто ворхI триллион диъ бIе миллион сом ахча дайина аьлла. Амма йохийна, ягиийна, яьржийначу Нохчийчоьнан цхьа херцар а яцара меттах яьккхина, юхаметтахIоттор-м дуьйцуш а дацара. ТIамехь зенаш хиллачарна царна догIучу ахчанан барамера дIалуш, соьмаш дара. ГIишлошъяран белхашна тIеяздар кхузткъе итт проценте а, йезткъа проценте а хьаладолура. Меттигера Iедало еш терго яцара.

ЮхаметтахIотторан белхашна дукха хьолахь дайина боху ахча гIишлош йохош хилла нехаш араяхарна тIехьажийнера. Кхузахь тIеяздар ши бIе проценте а хьаладолура. Республикин инфраструктура юхаметтахIотторехь дакъа лоцуш йолу дукхах йолу гIишлошъяран организациш Россин Оборонин Министерствон а, Чолхечу хьолан министерствон а долахь яра.

ХIоьттинарг тамашийна сурт дара. Россин Оборонин Министерствон гIишлошъяран-монтажни лерина урхаллас тайина юхаметтахIоттийна муьлхха а объект дIалуш акт хIоттадора. Ткъа эццахь и объект тIерайоккхуш акт а хIоттадора, иза юхаметтахIоттийна ялале зуламхоша тIелатар дина йохийна йолчухула.
Ахча хи санна чехка аферистийн а, жуьлгийн а, эскархойн а кисана доьдуш дара.
Нохчийн къоман цIий Iанийна болчу тIамо баха ховшийра уьш, белшаш тIера седарчийн терахь алсам а доккхуш. Цундела царна хьашто яцара и тIом сацо. Республикехь машар хилийта барте ваха лууш ву боху инарла Романов а СемаIашка хIаллак ярехь куьйгаллехь хиллера. Блокпостана масех метр гена доцуш тIелатар динера Романовна. ХIетахь хилла контузи бахьана долуш, хIинца а меттаванза ву инарла. Цу террористически актана а бехке нохчий бира. Амма иза боккъалла ишта хиларан тоьшалла хIинца а гучудаьлла дац. Муьлха а хиллачу вуонна бехке нохчий бара хIетахь.
Цул совнаха билгалдаккха деза, республикехь тIом дIа мел боьду, машенашца аракхоьхьуш дара лачкъийна рицкъа, охьайиллина пхьегIа а яцара юьтуш. Халкълахь хIетахь дуьйцуш дара оьрсийн саьлтиша арахь йиттина хьалатессина йолу зударийн чухулаюху бедар а дIаяхьнера бохуш.
Эпсарш а, саьлтий а кхаба дIалуш дара эзарнаш даьхний. Эскархоша хIуммаъ бен доцуш топ тухий охьаюьллура муьлха а бежана. Царна хаьара бусулба наха урс хьакханза елла бежана юур йоций. КъорIан тIехь магийна ма дац бисмилла даьккхина урс хьаькхна доцучу дийнатан жижигах мотт Iотта а.

V

Россера а, иштта дуьненчуьра а шайгахь жимма а адамалла йолу нах цкъа ийзалуш, юха мелла а майра дехарш дан буьйлабелира Нохчийчуьра террор сацае бохуш. Юха цара бохучуна тIетан буьйлабелира Малхбузера политикаш а, юкъараллин гIуллакххой а.
Оцу хьелашкахь Россин политикаш ца бовлура Нохчийчуьра тIом ца сацийча, цу тIе паччахьан харжамаш а гена бацара.
ТIеман хьал машарца дIадерзор чекхделира 1996-чу шеран асаран (июнь) баттахь, Назрановски барт барна куьйг яздинчул тIаьхьа. И барт бар дохийнехь а, амма хIете а цо машаран бух боттарехь хьалхара тIулг биллира.
Гергга оцу хенахь, Соьлжа-ГIалахула цхьа хабар даьржира тIемалой гIала яккха чубогIуш бу бохуш. Билггал терахь а дара дуьйцуш, амма хуьлуш хIума дацара. Халкъа тайп-тайпана тIелоцура и хабарш. Цхьа берш тешара, кхин болчара тIе а ца дуьтура. Нохчийчоьнан Правительствос а, тIеман куьйгаллас а дIахьедар дира шаьш иза могуьйтур дац аьлла а, цул совнаха иза хир ду аьлла меттиг а бац, хIунда аьлча вовшашца шайн а барт боьхначу тIемалойх йиссинарг жима ши-кхо тоба бен яц, ткъа уьш тахана-кхана йийсаре лоцур болуш бу, я хIаллак бийр болуш бу.
Нохчийчоьнан бахархошна дика бевзара КвашнингIара а, ЗавгаевгIара а дечу дIахьедарийн мах, амма Москвахь цара дуьйцур забар ца хетачух тера дара.
Нохчийчоьнан бахархой биссалц, кхи дIа массарна а дицделлера 1996-чу шеран бекарг (март) баттахь нохчийн бIаьхой федеральни эскарша дIалаьцначу Соьлжа-ГIале тIамца чу а баьхкина, цуьнан масех кIошт дIа а лаьцна, кхаа дийнах зен-зулам доцуш дIабахна хилар. Оцу кепара цара гайтира шайн ницкъ, хьалхе дIахаийтира шаьш Соьлжа-ГIалина тIелетар хиларах лаьцна.

Иза хилира 1996-чу шеран хьаьттан (август) беттан 6-чохь. Iуьйранна сатоссуш, герзах боьттинчу тIемалойн тобанаш шайна дуьхьлара Россин эскар охьа а отуш, тIамца Соьлжа-ГIала чуеара. Цхьаьна дийнахь церан аьтто белира массо уггаре а маьIне меттиг дIалаца. ГIалахь мел хиллачу блокпостана гуо лаьцнера Россин эскархошна юуург а, герз а тIекхачо аьтто ца хилийта. Юха а марсаелира Соьлжа-ГIалахь тIеман цIе.
МВД-н а, ФСБ-н а, иштта Завгаевн Правительствон а гIишлойн штурм яра йоьдуш.
Федеральни эскаран эшамаш баккхий бара. Ткъа тIемалошна гIо дан дерриге а халкъ арадаьллера. Зударий, бераш, баккхий нах — шайн ницкъ кхочург дора цара къоман турпалхойшна.
Нохчийчуьра федеральни эскаран куьйгаллехь хиллачу Пуликовски Константина ша 48 сахьтах гIала маьрша йоккхур ю бохучунах гIуллакх ца хилира. Нохчийн тIемалой я хIара гIала яккха я, бала баьхкина бара кхуза, шаьш делла дош юха эца дагахь а бацара.
Москвахь а, иштта Соьлжа-ГIалахь а Россин тIеман куьйгаллица а, иштта дуьхьал летачу бIаьхошца а деха къамел хиллачул тIаьхьа Лебедь Александр эххар а Хасавюртовские соглашения олучу барт баре веара. Цуьнан жамIашца тIе а эцна, куьйг яздира шина кехатана — цхьаьна дина долчу ДIахьедарна а, иштта Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а юкъаметтигийн лард билгалъяран коьрта Принципашна а.
Цхьаьна диначу дIахьедаре хьаьжжина, барт бечу агIонаша тIеэцна тIом сацорехь герзаца а, ницкъаца а пайда ца эцар. И барт хуьлуш, агIонаш тIетевжина 1949-чу шеран адамийн бакъонийн Юкъара Декларацина а, 1966-чу шеран адамийн политически а, граждански а бакъонийн Дуьненюкъара Пактана а.

Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин Ичкериян а юкъаметтигийн лард билгалъяран Принципашна юкъахь яра Нохчийчоьнан статус билгалъяр 2001-чу шеран хьаьттан (август) беттан 31-кхаччалц юхаттарах лаьцна положени.
Сацам бинера 1996-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 1-ра тIекхачале Россин Федерацин а, Нохчийн Республика Ичкериян а пачхьалкхан Iедалан векалех вовшахтоьхна комисси кхолла. Цуьнан Iалашонашна юкъадогIура, 1996-чу шеран асаран беттан 25-чохь Ельцин Бориса (№985) делла омра къаьсттина кхочушдар а, иштта эскар арадаккхарехула йолу ойланаш йовзийтар а, зуламца а, терроризмаца а, дин бахьана долуш къаьмнашна юкъахь гамо хиларца цхьаьна къиссам латтор а, иза дIабахьаран лерина терго яр а.
Иштта, комиссис довзийта деза Россин Федерацина а, Нохчийн Республика Ичкерин а ахчанан юкъаметтигаш юхаметтахIоттор шена муха го а, иштта кеч а йина Россин Федерацин Правительство юкъаяло еза Нохчийн Республика Ичкерин социальни-экономически сфера кхиоран программаш а.
Цу кехата къаьсттина билгалдора Нохчийчоьнан законодательство къаьмнийн а, динан а башхаллашца ца хьоьжуш массо а бахархойн бакъонаш а, маршо ларъярна тIетовжаш хила езар.
И законодательство уггаре а хьалха тIехьажийна хила деза республикехь машар юхаберзорна.
— ТIом дIабаьлла! Тоьар ду! Дика бира вай и Iаббалц! — дIахьедира Россин Федерацин кхерамазаллин Советан секретарьс Лебедь Александра, ткъа Масхадов Аслана шен рогIехь дагадаийтира и тIом кхин а хьалха сацо мегаш хилар.
Нохчийчоьхь мел хуьлу и хийцамаш ИбрахIима ГIебартойн-Балкхарехь Iаш тергал бора. Кестта иза шена жимма а гIоле хуьллушшехь, шен хIусамненаца Хьаваца а, кхуза схьаялийна хиллачу бархI шо кхаьчна йоьIаца Лизица а цIа вахара.
Уьш мах луш чоьхь Iаш хиллачу хIусамнанас халахетарца новкъабаьккхира эха шарна юкъахь шен гергарло тассаделла нохчийн доьзал. Уьш цIа боьлхуш цунна лиира шен петарах цара луш хилла мах юха дIабала, амма ИбрахIим а, Хьава а реза ца хилира. Цул совнаха, цо хIоттийначу хаза гIиллакхна дуьхьал, Хьавас шен лергара схьа яьхна дашо чIагарш елира Нели йоьIана Залинина.

Иза дара 1996-чу шеран хьаьттан баттахь. Цу аьхка нохчийн бIаьхоша дIалаьцнера Соьлжа-ГIала. ГIебартой-Балкхарера лазаран цIийнахь шен чевнаш ерзош, ах шо хан яьккхина цIа вогIура ИбрахIим.
ИбрахIим а цуьнан хIусамнана а, йоI а тIехь болу автобус Къилбаседа ХIирийн а, ГIалгIайчоьнан а административни дозанел дехьа а яьлла Нохчийчу кхечира. Маржа-яI ма ирча дара бIаьргаш хьалха хIоьттина сурт. Некъа тIера даккхийчу кIаьгнаш чу а етталуш, тассаелла йоьдура автобус, сел къиза хIаллак хилла Соьлжа-ГIала ИбрахIимана сихонца гайта ша хьаьгна йолуш санна. Иза гучу елира. Йоьхначу гIишлойн Iаьржачу херцашца хьоьжура и къар ца елла гIала шен баланна сел бен доцуш хиллачу дуьненан бIаьра.
Корах ара хьаьжча гуш дара дохийна цIенош, некъаш, яьгна бошмаш, чевнаш хилла лаьтта дитташ, коьллаш. ИбрахIимана шех тера хетара и дитташ — хIара санна чолакх дара уьш. Кхунна езна, кхунна даима а шен ирсан гIала хетта хIара ерриге а гIала а ма яра тховса ИбрахIим санна чолакх. Мичахь ю хьалхалера Соьлжа-ГIала? Мичахь ду цуьнан Iуьйренан дахкаршлахь гучудолуш хилла и сийна амат? ТIеман боьхачу кIурлахь яйна и гIала ша боккъалла а езначийн иэсехь шен сирла бIарлагIа бен ца дуьтуш.
 

Дуьненан жоьхахатан кевнаш мостагIашна диллина, дуьненан Къематан де урамашкахь хIоьттина хилла гIала — ма хала дара ИбрахIимана тховса и ган. Ерзо молха доцу цу гIалин и чевнаш, цуьнан урамашкахь беллачийн цIийца Iийдалора тховса. Ма тера дара и шиъ — ИбрахIим а, Соьлжа-ГIала а… цу шиннан а сел хаза а, къона а хиллачу цу дахарах мекара мостагIийн тоьпан даьндаргаша цаца бина.
— Хьан дуьхьа вала араваьлла хилла со тховса дийна хIунда ву те? Хьан урамашкахь ца гIатта воьжна хилла валара со, тховса хьуна тIехIоьттинарг ца ган — Iийжара, доьлхура, лелхара ИбрахIиман кийрара дог. ДIо гучуевли жималлехь хийла кхуьнан самукъа доккхуш хилла кинотеатраш. Кинотеатраш аьлча а, царех йиссина и нехийн оьла. Шен херцарш бухахь Iуьллу «Столичный» цIе йолу Соьлжа-ГIалара уггаре а мерза туька. Ма ца моьттура цуьнца боьзна дагалецамаш къаьхьа дIовш хилла кийрахь баьржар буй. Цунна хьалха лаьттара «Кавказ» цIе йолу хьешан цIа а, ткъа цунна гена йоцуш Президентски дворец а. Ма хазахетара ИбрахIимана и архитектурни исбаьхьалла. Республикин министрийн кхеташонан гIишло а хила ма езара кхузахь цхьанхьа, ткъа цунна тIехьа лаьттара Соьлжа-ГIалин мехкдаьттан институт а — иза берриге а махкахь тоьлла ма яра, ткъа тховса цунах биссина безамца кара эца тIулг а карор бац.
ХIусамнана а, йоI а генна а юьтуш, ИбрахIим шен Iасанаш тIехь тийссалуш дIасауьдура Соьлжа-ГIалин доьхначу урамашкахула, дийна воллушшехь шен дахаран тезета кхаьчна стаг санна. Кху гIалин саьлнаш юкъахь ма Iуьллура ИбрахIиман хеназа кхелхина къоналла, сирла сатийсамаш, дуьнене болу безам, тешам. Кху гIалица цхьаьна хIаллак ма хилира иза ша дерриге а. Iадийначу кийрара мохь цIогIа а ца долура.
Республикански мохкбовзаран Iаламан музейна тIекхочу ИбрахIим. Соьлжа-ГIалин коьрта дозалла ма дара и музей — ламаройн шираллехь хилла Iер-дахар довзуьйтуш, хийла хIума дара цу чохь, ткъа иштта кечдина герз а, сийлахь воккхачу хелхарчан Эсамбаев Махьумадан хилла духар а, цIеяххана вевзаш хиллачу иллиалархочун Магомаев Муслиман денде хилла мукъамийн гIирс а. Иза ша дерриге а хIаллак хилира кху гIаланца цхьаьна. Йохийна, яьржийна Iуьллура суьртийн галерея а.
Ткъа хьалха-м и чоьнаш дуьненан цIеяххана болчу говзанчийн суьртех юьзна ма яра. Иза хIинца ИбрахIиман иэсехь бен хир дац.
Иза цхьаъ дагадеъча санна «Космос» кинотеатр йолчу агIо дIаведира. Цунна тIехьа Соьлжа хи йистехь яра Чеховн цIарах къоман библиотека. Иза Iасанашна тIехь тиссалуш, гIелвелла, халла садоьIуш ведда воьдура. Цунна тIаьхьа кхиа гIерташ, жима йоI шена тIаьхьа а ийзош уьдура Хьава. Iоттавелла, охьакхийтира ИбрахIим, цуьнан Iаса бомба кхетта даьгначу цхьаьна диттан юьхках тассаелира, ткъа и ша орчу охьавожаза велира.
ИбрахIим шен цхьаьна кога тIе сиха хьалаиккхира, ткъа Iасана тIе а тевжина, саьхьара бIаьргашца дIасахьоьжура и цхьаъ лоьхуш. Амма цо лоьхург цунна кхин цкъа а гур дац — Соьлжа-ГIалин библиотекин и шатайпа дуьне а чим хилла даьгна.
ИбрахIимана гуш дара бомабанаша а, яьккхийчу тоьпаша а дохийна Iохку трамвайни некъаш. «Океан» цIе йолу туька хилла меттиг а карийра цунна, цунна лаккхарчу гIат тIехь ишта цIе йолуш ресторан а ма яра. Ма хазахетара цига воьдуш, моьтталора хIорда йистера хьоькху мох а хаалур бу — оццул дукха хIордан даарш дара цигахь.
Дохийна Iуьллура 1986-чу шарахь дина хилла долу, Соьлжа-ГIалахь шех тераниг кхин хилла доцу ялхийтта гIатт йолу цIено а. Дохийначу тIай бухахь адамийн цIийца тулгIенаш ийначу Соьлжано сацонза дара шен болар. Маржа яI! Хьенан сардам бахар те хьоьх? Хьенан таIзаран гураша лецира те хьо? Сел бен доцучу къизаллица хьо хIаллак йина куьйг дехар ду те дуьненчохь кхелана кIелхьара даьлла?

Кхин тоха са доцу ИбрахIим, меллаша боьхачу лаьтта охьалахвелира, шен цхьаьна Iасанна тIе а тевжаш.
ЙоьIан куьйг а лаьцна цунна тIееара хIусамнана. ШолгIа Iаса цуьнга дIа а кховдош, Хьава меллаша йист хилира цуьнга:
— Йохийна гIишлош юхаметтахIиттало, амма диканах дог диллина, доьналлех вуоха мегар дац… цунах цкъа ваьлча, юха кхета хала ду.
ИбрахIим вехха цуьнан бIаьра хьаьжира. Цу мIаьргонехь иза кхийтира ша боккъалла а дахаро кIел вуьтуш вуй. Хьавас аьллачу дешнаша ойла йойтура цу ховхачу зудчун кийрахь алсам ницкъ буй. Иза тешара Соьлжа-ГIалин сирла кханенах, тешара тховса цу гIалин тезетахь шен юьхьтIера хьацар а бIаьрхиш а дIасахьоькхуш Iаш волчу ИбрахIиман доьналлех а. ИбрахIим меллаша хьала а гIаьттина, шен хIусамненаца а, йоьIаца а «Минутка» майданехула хьалаволавелира. Новкъахь иза тIеIитталора Россин эскархойн федеральни блокпосташна, амма уьш тIемалойн куьйг кIелахь яра. ИбрахIима маршалла хоттура хIора а бIаьхочуьнга, уьш къамел совцадой бистхуьлура цуьнга. Ткъа Россин эскархой бехкала боьлхий цуьнан бIаьра ца хьовсура.

Соьлжа-ГIалин херцаршна юккъехь хьийзара дахаре болу безам а, шовкъ а янза адамаш. Церан бIаьра хьаьжча гуш дара — йоьхнарш гIишлош ю, доьхнарг доьналла дац. Елла ца хилла Соьлжа-ГIала, лазийна йоьжна хилла, ткъа цуьнан са, цуьнан урамаш сел къизачу хенахь а дIа ца тесначу нехан кийрахь ду. Цу нехан куьйгаша юхаметтахIоттор ю и, цу нехан доьналлас буьллур бу цуьнан лакхене и цIурко тIулг.
Эххар а тийшира ИбрахIим цуьнан шен цIий хьуьйдинчу лаьтта тIе машар беъна хиларах. ГIаш некъ беш, шайн цIийна керта кхечира уьш.
Ма дукха къа хьегна, ма дукха сатийсамаш боьзна яра хIара керт. Кхузахь дIаэхнера кхеран дахаран уггаре а сирла а, ирсе а мIаьргонаш — безам, муьлхха а доьзал тIеIиттало халонаш, дуьххьара дуьненчу ваьлла доьзалхо — иза ша дерриге а дагалецамийн овкъаршлахь диссира. ХIинца заьIап цхьаьна кога тIехь лаьттачу ИбрахIимана хьалха лаьттара иштта и санна заьIап йиссина цуьнан хIусам а.
Амма ИбрахIимана хаьа шен доьзалца цхьаьна хьалха санна хьанал къа хьоьгуш, ша и хIусам юхаметтахIоттор юй. Иза кхин а хаза а, токхе а хир ю, кхин а шортта тIаьхье а кхууьр ю. И ницкъ ИбрахIимехь хир бу, амма хьан юхаерзор ю яйна могашалла? Хьан юхаберзор бу оьрсийн а, нохчийн а наношна церан кхелхина кIентий? Хьан ерзор ю дагна а, сина а хилла чевнаш? Цу хаттаршна жоьпаш карор доций хууш Iад Iа веза… замано дерриге а дIанисдийр ду, дагтIера чов а цо ерзор ю… коьртаниг кхуьнан доьзал бу, коьртаниг кхуьнан сирлачу кханене болу тешам бу.
 



























                Керла дахар

I

ИбрахIима а, Хьавас а сацам бира масех дийнахь гIалахь саца, цIенон херцарш жимма дIаса а йохуш, кертахь гIуллакх дан. ИбрахIиман да-нана Исламца дукха хан йоцуш хьалха Нальчике деана, гина дарна царна.
Ши цIено кхарна дехьа Iаш бара оьрсийн доьзал — «Красный молот» заводехь инженеран болх бина вара Петр Сергеевич, ткъа цуьнан зуда Анна Степановна ИбрахIимаца цхьаьна школехь хьехархочун болх беш яра. Церан кIант Борис Исламан нийсархо вара.
ХIорш цIа баьхкина аьлла шайна хеззашшехь сихонца баьхкира лулахой. Царна хIинцале хезна хууш дара ИбрахIим ког боцуш виссарах лаьцна а.

Ма Iийжаме дара хIара цхьаьнакхетар мерза хан йоккхуш хиллачу лулахошна. Зударий боьлхура, ткъа Петр а, ИбрахIим а мара а кхетта, дуккха а вехха лаьттира вист ца хуьлуш. Хийла вовшашкахь хьошалгIахь цхьаьна рицкъ дууш, дика а, вуо а цхьатерра доькъуш, хан яьккхина болу нах, кхетара шаьш ца гуш дIадаханчу шина шарна юкъахь инзаре бала боьссиний шаьш сел хаза Iаш хиллачу кху токхе махка. Оьрсий а, нохчий а ца къестош, маьрша бераш кхиош, хьанал рицкъа доккхуш, шайн Даймохк Нохчийчоь сил дукха а безаш, ирсе бехара кхузахь хIара санна шортта кхин а оьрсийн доьзалш. Царна а цкъа а моьттур дацара шина къомана юкъахь оцу кепара барт бухуш, шайтIа хьовзар дуй, шайн къомах болчу наха хьеречу цабезамца нохчийн цIий Iанор дуй. Мича кховда веза цу хаттарна жоп каро?
Анна Степановнас сихонца юуург кечъйина, стоьла хьалха кхайкхира шен лулахой, буьйса йоккхуш шайгахь уьш биссахьара бохуш, дехара а деш, ткъа Борис-м ИбрахIимана тIаьхьара ца волура, Ислам цIа маца вогIур ву бохуш?
Пхьор диначул тIаьхьа а дукха а хан яьккхира цара дIа ца буьйшуш. Дийца хIума шортта дара, ойла ян хIума шортта дара, цул а дукха жоп доцу хаттарш а дара.
Iуьйранна марта а дина, ИбрахIим а, Хьава а шайн керта схьадеара. Жима Лиза-м лулахошкахь наб еш йиссира. Ткъа дукха хан ялале Петр а, Анна а кхарна гIо дан деара, ИбрахIима ца оьшу аьлла доллушшехь.
Петра а, Аннас а дукха хIума кIелхьара даьккхинера ИбрахIимгIера меттигера жуьлгашка а, иштта Россин эскархошка а дIа ца дахьийта.
— Цхьа диван а иштта кIеда мебель а эскархоша дIаяьхьира, ткъа холодильник а, гIанташ а, стол а мародерашна кхечира… кхин ерг яьгна дIаелира цIенонна тIе снаряд кхеттачу хенахь, ткъа йиссинарг жима хIума бен яц, иза оха тхайга дехьаяьккхира — халахетарца дуьйцура Аннас…

Дийнна де деккхира цара ах даганза диссинчу цIенон херцарш дIасайохуш. И болх беш, ИбрахIимана а, Хьавана дукха хIума хиира республикехь хуьлучунах лаьцна.
ИбрахIима а, Аннас а болх бина школа а хилла хIинцале юхаметтахIотто йолийна. ИбрахIим цIа веана доьалгIачу дийнахь, кертахь цхьацца гIуллакх а дина, юха Анница цхьаьна школе вахара.
ТIамехь баланза дийна биссина, цIа баьхкина болу хьехархой а, лаккхарчу классийн дешархой а жигара къа хьоьгуш бара юхаметтахIитторан белхашкахь. Билгалдина хьашташ а, гIирс а тоуьш бацахь а, амма тIом дIабаларах баккхийбечу наха, хазахетарца беш бара и болх.
Сарахь дуккха а хьехархой баьхкира ИбрахIим волчу. Шортта дара дийца хIума, амма дукха хьолахь къамел ИбрахIиме школе балха аравала бохучу хорше доьрзура. Белхан накъосташа дуьйцура ИбрахIиме хин йолчу халонашах лаьцна. Йохийна, яьржийна республика а, цуьнан лачкъийна берриге а бахам а юхаметтахIотто атта дац. И тIом хIун бахьана долуш баьлла? ХIун бахьнехь иштта къиза тIелетта оццул йоккха пачхьалкха сел жимачу республикина? Массеран а кийрахь кхехкара и жоп доцу хаттар? Цу хаттарийн чаккхе ян а яцара…
ХIунда вийна бIе итт эзар гергга республикин маьрша вахархо, шовзткъе итт процент царна юкъара оьрсий боллушшехь? ХIунда вина Нохчийчоьнан ткъа эзар вахархо заьIап Iазапан набахтешкахь? ХIун бахьана долуш шайн синош дIаделла ткъех эзар гергга Россин эскархоша а, виъ эзар гергга нохчийн тIемалочо а?
Дуьнеюкъара конвенциша ца магийна долчу герзаца стенна пайда оьцура Россин эскархоша — химически снарядаш, кассетни кепан бомбанаш…
ХIун бахьана долуш хIаллак беш бара ишта а бIешерашкахь бала лайна болу и жима мохк? Стенца боьзна бара и боккха цабезам, оццул къиза нохчийн цIий Iано?
Ма кIорге чулацам болуш хир ду цу хаттаршна жоьпаш, уьш заманан йохалла нагахь санна карадахь. Масех тIаьхьенна тоьъал ду и хаттарш. Ткъа карарчу хенахь дац царна жоьпаш. ХIинца мел лехарх, куьйгбехкениг карор а вац, Нохчийчоьнна чIирана вен. И кхел заманан карахь ю, цунна шена дикох хуур ду маца а, хьанна ян еза и кхочуш. Амма тховса цхьа бакъ дерг ду дерриге а дуьненна гуш — Нохчийчоь ца йоьжна! Иза лазийна, йохийна, яржийна, чов йина, амма иза когаш тIехь лаьтташ ю. Цуо дерриге а дуьненна шегара доьналла дIа а гайтина. Массо а кхетара карарчу хенахь суверенитет иза Нохчийчоьна шена лерина хIоттийна Iалашо яц, иза геноцидах ларъяла биссина цхьа некъ бу цунна.
ХIинца массо а кхеттера нохчашна Росси нана ца хиллий, иза царна къиза десте юй а, цу пачхьалкхана юкъахь шаьш диссича нохчийн хIу дан кхерам буй а. Россица хила кхераме дац, нагахь санна и хьан дозанал арахьа елахь. Россин Федерацин Конституцис баха-м боху иза массо а цхьатерра, нийсса бакъонаш йолчу субъектийн союз ю, амма Нохчийчоьхь хиллачу тIамо гайтира и дешнаш цхьаьна а кепара бух боцу, зорбане девлла элпаш бен ца хиллий.

Биначу барте хьаьжжина, Нохчийчуьра эскар арадаккха долийра. ТIеман машенийн ехачу могIарша дIалаьцнера урамаш, хеталора церан юьхь а, йист а яц. Цаьрга бIаьрг тоьхча, ИбрахIим боккъалла а тийшира шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь тIеман шина шарна юкъахь Нохчийчухула цхьа миллион ши бIе эзар саьлтий а, эпсар а чекхваьлла бохуш яздеш хиллачунах. Дуьххьара и хезча цунах теша хала дара. Муха хир ду къомал дукха и къам хIаллак дан чудалийна эскар? Дукхох йолу яьккхий машенаш йоьттина яра нехан хIусамашкара цара ваннийн а, унитазийн а бисте кхаччалц дIакхоьхьучу рицкъанах. Комендантски ротанашна юкъара нохчаша уьш совца а бой лачкъийнарг машенаш тIера охьадоккхуш, меттигаш а нислора.

Официальни хаамашца, Нохчийчоьхь тIом беш Россин шиъ ах миллиард доллар ахча делира, ткъа бозуш боцучу эксперташа мах хадорца — пхи-ялх миллиард. Кхин а дика хира дара нагахь санна и ахча эскархошна а, церан доьзалшна а дIахьажийнехь, наха лелийначу унитазех пайда эццал уьш гIаддайна хилча.
1996 шеран коьрта башхалла яра Нохчийчуьра Россин эскар арадаккхар а, республикехь парламентски харжамаш дIабахьар а.
Д1аболабелира харжамашна хьалхара къовсам а.

1996-чу шеран эсаран беттан чаккхенехь Ичкерин Оборонин Комитета сацам бира дуьхьало яран ницкъаша цхьа кандидат хьалхатта веза аьлла. Амма цхьаьнца гIуллакх ца хилира.
Нохчийн къоман куьйгалле хIотта лууш юьхьанцара ши кандидат вара — Яндарбиев Зеламха а, Масхадов Аслан а. Яндарбиев Зеламха Дудаев Жовхаран муьрехь вице-президент хилла а вара, ткъа иза кхелхинчул тIаьхьа Ичкерин президентан декхарш кхочуш деш а вара. Иза политика йовзанза вац, цундела Москваца къамеле вала атта хир ду цунна. Яндарбиевна моьттура Масхадов Москвана атта ву, цундела цо Россехьа оьзна политика лело тарло.
Ткъа Масхадовн аргументийн йозалла дукха хьолахь йоьзна яра къаьсттина и бахьана долуш Нохчийчоьна суверенитет яьккхина хиларца, хIунда аьлча цо ша Ичкерин тIеман эскаран штабан куьйгаллехь а волуш, кечйинера хьаттан (август) баттахь Соьлжа-ГIала яккхаран стратеги. Цо арадаккхийтира Россига Нохчийчуьра эскар.
Масхадовн оппоненташна гуш дара тIеман тIаьхьалонаш дIа а йохуш, маьрша пачхьалкха кхолла ницкъ карийна волчу цуьнан политика юкъараллас тIаьхьарчу хенахь къобал еш хилар, цундела уьш иза къоман барт бохорехь бехке ван гIоьртира. Амма нохчийн юкъараллас Масхадовн агIо лецира.
Яндарбиевна а, Масхадовна а тIаьхье, нохчийн къоман баьччанаш хила шайн болу лаам бовзийтира Басаев Шемала а, Закаев Ахьмада а, Удугов Мовладис а.
Юкъараллина ца лаьара харжамашца доьзна нохчийн куьйгаллехь барт бохийта. Юкъараллас доьхура къомана хьалха бевллачаьрга цхьа кандидат билгалваре, амма цу тIехь барт ца хилира. Цу политически къовсамах конфронтаци хуьлийла дацара, хIунда аьлча тIамо гIелйинчу нохчийн юкъараллин цхьа барт хиларе болу лаам чIогIа бара и санна дерг атта магийта.
Нохчийн йоккха дегайовхо яра легетимни Iедал кхоьллинчул тIаьхьа, шаьш эххар а маьрша пачхьалкхехь дехар ду аьлла.
Шеко йоцуш цу хенахь политикашна юкъахь а, иштта бахархошна юкъахь а Россига болу цабезам цхьаммо а лечкъош бацара.
Масхадов Аслан Москвана бакъхьара хета бохург дуьйцуш дара Россин ерриге а шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь. Москвана хетарехь Яндарбиев Зеламхас ша юхавер воцу политик санна гайтина. Москвана ца хаьа цуьнан дагахь хIун хир ду. Москвана ца лаьа нохчийн президентан даржехь «№1 террорист» Басаев Шемал ган а.
Россин эскар Нохчийчуьра арадаккхаран Ельцин Бориса 1996-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь диначу омранца а, иштта премьер-министраца Черномырдин Викторца Ханна бинчу бартаца а хаьа мегар дара Масхадов Ичкерин Президент хIоттийтарехь иза хьалхара гIулч яккхар дуй.
Москвана ца лаьара Нохчийчуьра дIаяха, амма иза массо а тешо гIертара шен кхин тIом бан ойла ца хиларца. Россин тIеман гIуллакххошна а, иштта политикашна а юкъахь дукха бара Нохчийчуьра тIом сацо ца лууш берш. Царна иза Росси эшар хетара, цундела дуьненна хьалха а ца лаьара царна и санна йолу сийлахь йоккха пачхьалкха жимачу къомо эшийна хилар дIакхайкхо.

Цхьаболчу политикаша къайла ца деш дIакхайкхадора хIара машар цхьаьна ханна бен бац бохуш, гIелъелла Росси, жимма онда а яьлла юха йогIур ю ша болийначу тIамехь къеггина толам баккха.
Ичкерин президентан дарже хIотта луучеран харжамашна хьалхара кампаниш шуьйра дIахьош яра. Массарел а къаьсташ вара Удугов Мовлади.
Иза кIоргера шен ойла тIехьажийна вара Ичкерих исламски пачхьалкха кхолла. Цуьнан суьрташ тIехь долу кехаташ а, рузаманаш а республикехь ког боккху боккхучохь ган аьтто бара.
Цул башха тIаьхьависсина вацара Яндарбиев Зеламха а, Масхадов Аслан а. Шеко йоцуш цу шиннан а харжамашна хьалхара кампанишна ахчанца кхачо еш хьал долу спонсораш бара. ТIамо йохийна, яржийна йолчу Нохчийчоьнна иза доккха хIума хетара.
Харжамийн къовсам башха эрчо йоцуш дIабоьдуш бара, амма хIете а республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь кандидаташа вовше цхьацца пайда боцу, осал дерг алар хуьлуш меттигаш а нислора. Амма, ала деза, уггаре а оьзда шайн харжамийн кампаниш дIахьош вара Масхадов Аслан а, Закаев Ахьмад а.
Харжамашка баьхкинера Россин а, ОБСЕ-н а тергамхой. Массара а харжамаш легетимни хилар а, уьш дуьненюкъара лехамашка хьаьжжина дIабаьхьна хилар а къобал а дира.
Кхин болу кандидаташ шена дукха гена тIаьхьа а буьтуш, кхузткъа сов процент харжамхоша шайн кхаж дIабаларца Ичкерин Президент хIоьттира Масхадов Аслан.
Шеко йоцуш боккъалла а къоман лаам бара Нохчийчоьнан куьйгаллехь Масхадов Аслан хилийтар. Массо а кандидаташна юкъахь иза уггаре а товш вара цу даржехь, хIунда аьлча Iедалан мукъ кара эца башха хьаьгна а вацара, дахарехь а, политикехь а шортта зеделларг долуш а вара. Юкъараллин баккхий сатийсамаш бара цуьнца боьзна.
Харжамийн де политически Iиттарш йоцуш дIа ца делира. Цхьа забарча вара Соьлжа-ГIалин урамашка араваьлла. Ельцинан суьртах шен юьхь тIе туьтмIаьжиг а йиллина харжаман участкашкахула дIасалелара иза некха тIе доккха кехат а оьллина, ткъа цу кехата тIехь ишта йоза дара: «Нохчий! Суна дIало шайн кхаж! Ас дош ло шуна Россехь конституционни низам а балор бу, кхин къаркъа а мер дац!»
И накъост тайп-тайпана харжамийн участкашкахула волавелла лелаш хуьлура, ткъа наггахь дохийначу цIенойн херцарш тIехь хиина Iаш каравора иза. Цунна тIаьхьа бевлла лелаш журналисташ а хуьлура. Хонкарера еанчу журналисткас хаьттира цуьнга:
— Ельцин, боккъалла а кхин къаркъа мер долуш вац хьо?
Забарчас жоп делира:
— Ас муха мер ду и? Удуговс а, Басаевс букъа тIе шовзткъа гIаж тухур ю ма аьлла и малахь. Ас-м хIинцале суннат а дина шуна!
Гонаха массо а воьлура цо бохучух, ткъа тIемалоша-м герз карахь «Ельцинна» уллохь суьрташ дохура.
Цхьа там боцу хIума ца хуьлуш а ца диссира. Ичкерин Президент хила шен кандидатура хьалхатеттина волчу Хасбулатов Русланан ваша лачкъийнера, иза маьрша ваккхийта Хасбулатовс ца ваьлла шен лаам юхаийцира.
Кхин новкъахьовзам боцуш харжамаш чекхбевлира, республикин дукхох болчу бахархоша шайн кхаж дIа а луш.

II

Нохчийчоьхь болчу хиламашца доьзна Россис сацийнера республикин экономически инфраструктура юхаметтахIоттор, амма Москвахь Iаш болу Завгаевн «гIишлошъярхой» кехат тIехь иза юхаметтахIоттийна бовлуш лаьттара.
1997-чу шеран бюджетана Нохчийчоь юхаметтахIотторна лерина хьашташ юкъа ца дахийтинера. Ткъа иза коьрта билгало яра ца леш йиссина Нохчийчоь кхин дIа хIаллак ян Росси юха йогIур хиларан. Ткъа Нохчийчоьнан бюджетехь тIамо йохийна гIишлош юхаметтахIотто ахча дацара.
Цуьнца доьзна сацам бинера цкъа хьалха кирпични заводаш а, карьераш а, силаман-бетонни заводаш а юхаметтахIиттош, оцу кепара бахархошна гIо дан.

1996-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь дуьйна Нохчийн Республика Ичкерин ГIишлошъяран Министерствос шен болх дIаболийра. ХIоттийна хиллачу Iалашоне иза кхечира — 1997-чу шарахь дуьйна бахархошна маьхза гIишлошъяран гIирс бара дIалуш. Иштта Iалашонехь дара гIум а, жагIа а боккхучу карьерашка а, кирпични заводашка а пачхьалкхана зенехь болх байтар а. Оцу предприятийн сурсаташ белхалошна алапа дала а, налог дIаяла а эшча бен духкуш дацара.
Республикехь лелош хилла Россин налогови законодательство хийцира. Юкъа ялийра налог яларан барам мелла а лахбеш йолу керла система. Дуккха а нах налогаш яларах мокъа бехира. Жигара юхаметтахIоттош дара нохчийн бюджетан пайда хиларан коьрта дакъа — республикин мехкдаьттан сфера.
Iедала шен ницкъ кхочург дора нохчийн пачхьалкхалла юхаметтахIотторехь.
Пачхьалкхийн юкъаметтигаш нисъярехула Россица къамел дара деш. 1997-чу шеран хIутоссург (май) баттахь нохчийн къоман дахарехь мехала хилам хилира — Россин а Нохчийчоьнан а президентийн цхьаьнакхетар.
Цу цхьаьнакхетарехь куьйг яздира «Нохчийн Республика Ичкерин а, Россин Федерацин а юкъаметтигийн агIонех а, машарах а лаьцна долчу Договорана». И тайпа кехат нохчийн исторехь дуьххьара дара. Цуьнга хьаьжжина, шина агIоно, бIешерашца вовшашца латтийна къиссам сацош, вовшашна пайдехь юкъаметтигаш нисъеш, барт бира:
— Муьлха а къовсаме хаттар ницкъаца ца къасто;
— Шайн юкъаметтигаш дуьненюкъара бакъонан массо а лехамашна тIе а тевжаш хIитто;
— Куьйг яздина долу кехат кхи дIа юкъаметтигаш нисъеш, муьлха а барт баран лард лара;
— ХIара барт бар куьйг яздинчу дийнахь дуьйна ницкъе догIуш хилар;
Йоккха исторически мехала йолуш дара Россин Федерацина а, Нохчийн Республика Ичкерина а юкъахь диъ бIешерахь лаьттина тIеман къиссам тховса чекх а баьлла, кхин дIа мел долу хаттар стоьла хьалха политически некъаца къастор а ду аьлла Ельцина дина дIахьедар.

Цу цхьаьнакхетаран юьххьехь Армавир а, Пятигорск а гIаланашкахь террористически акташ хилира, иштта Нохчийчоьхь журналисташ лецира закъалтана. Амма цу бохамаша машар юхаметтахIотторна новкъарло ца йира. Гуш дара Россин а, Ичкерин а президентийн лаам иза хилар, тIамна дуьхьал уьш хилар.
Ткъа нагахь санна иза ша дерриге а моттаргIина лелош хилла политически ловзар хиллехь?


III

Чекхделира школера хьалхара белхан де. ИбрахIим цIа ваха араваьллера. Школин кертахь шен «Жигули» машен схьалалатош воллура физикин хьехархо Хамидов Роман. ИбрахIимах бIаьрг кхеттачу цо ша иза цIа кхетор ву элира. Орджонокидзе урамехула некъ беш, царна гира дуккха а машенаш а, иштта гена доцуш, майданехь дIайоьдуш митинг а яра, цуьнга ладогIа гулбелла нах а бара. Роман а ИбрахIим а сецира хилларг хIун ду хьажа. Иза хиллера Радуев Салмана вовшахтоьхна митинг.
Радуев Ичкерин хьалхарчу президентан Дудаев Жовхаран нуц ву. Цуьнан дахарера баккхий кхиамаш бу — ГIизлар гIала яккха вахар а, иштта Первомайски станицина дина тIелатар а, №2 террористан цIе а. Цо кхиамца кхоьллинера Дудаевн ду боху эскар а, иштта Радуевс сих-сиха дIахьедарш а дора Дудаев дийна а ву, кестта Нохчийчу цIа а вогIур ву бохуш.
Шеко йоцуш цунна гIо деш баккхий ницкъаш бара. Уьш ца хилча муха аьтто бер бара цуьнан хIора баттахь санна сих-сиха Пакистане а, СаIудин Арави а эха, Макке хьаж деш ву ша бохуш.
1996-чу шеран аьхка Германехь беза мах белла операци а йинера цунна.
ГIирсаца кхачо йина хиларе хьаьжча «Дудаев инарлин эскар» Ичкерин эскарал тоьлла дара. Правительствехь белхан декхара кхочуш деш Радуев вацара. ХIара ду аьлла тIедогIуш рицкъа а цуьнан дацара. Армавирехь а, Пятигорскехь а хилла террористически акташ Радуевс шена тIелецира, ша уьш Россис нохчийн хаттар къасторехь сихо ца йина аьлла бекхамна динера аьлла. Цо и дIахьедар дарца нийсса Пятигорскехь дIалецира нохчийн ши зуда. Цу шинан бехк хилар билгалдина дацара, я цхьа а жима а бахьана а дацара и бехк цу шинна тIебилла. Амма цунах доккха политически ловзар а дина, Россин кхела миска ши зуда яьккхий хенаш тоьхна набахте дIахьажийра.
Соьлжа-ГIалахь дуьйцура и шиъ боьхачу политикин гураша лаьцна ю бохуш. Ши зуда йохкар-эцар лелош яра. И шиъ набахте кхачар доккха гIалат ду бохуш дуьйцура цу шинан гергарчу наха а.

Лериначу ницкъийн урхаллин векалша Буденновскехь хиллачунах лаьцна Бунича язъйиначу книги тIера Басаевн тобанера йоьIан сурт а гойтуш, дIахьедар динера къаьсттина и йоI хилар Пятигорскехь хиллачунна бехке. Амма цара юьйцу Басаевн тобанера и йоI оцу хенахь Нохчийчоьхь яра, набахти чохь йолчунца цхьаьна а агIор йозуш а яцара.
И массо а факташ гайтаме ялийра Россин кхерамазаллин Советан секретарь волчу Рыбкинна. Амма кхел яр цхьаммо а саца ца дира. Нохчий хиллара бен кхин тIехь бехк боцу ши зуда набахте хан токхуш яра.
Радуевс Первомайски юрт дIалаьцна ах шо далале хилла транспортни диверсиш а ФСБ-с нохчашна тIедиллира. Цкъа Москвара метро а, ши троллейбус а эккхийтира, юха дукха хан ялале Армавирера вокзал, ткъа цул тIаьхьа «Волгоград-Астрахань» цIерпоштехь ши терракт хилира. Ткъа цул тIаьхьа хаам хилира Воронежера вокзал эккхийта гIоьртинера аьлла.
Ткъа 1996-чу шеран гIуранан (декабрь) баттахь сийначу стигал яхара Санкт-Петербургера метрочуьра вагон. Ткъа хIинца Пятигорскехь хилира эккхийтар. Цу массо а зуламашна юкъара къастийна лоруш Пятигорскехь хилларг бен дац. Цу массо а зуламна бехке нохчий а бу. Радуевс хIоразза а массо а бехк хазахетарца шена тIелоцура. Ткъа Нохчийчоь-м Радуев Салмана диначу цу бух боцу дIахьедаршна шен ма-хуьллу юьстах яла гIертара.
Амма Радуев Россехь хилла муьлха а бохам дозаллица шена тIелоцуш вара. Мотталора цо 1908-чу шарахь Малхбален Сибрех стиглара тунгусски метеорит чукхетар а кестта шена тIелоцур ду.
Иза кийча вара бегийна мохк а, даьржина хи а, ломах яьлла цIе а шен куьйга дина ду ала. Ткъа иза дара цуьнан долахошна оьшург. Ткъа и долахой цуьнан хиларна тIехь цхьа а шеко а яцара.
Радуевс массо а бехк шена тIелоцуш, хазахетарца деш долу дIахьедарш, ишта хазахетарца даржош дара Россин лериначу ницкъийн урхаллаша массо а шуьйрачу хаамин гIирсашкахь.
Царна вуно чIогIа пайдехь дара «нохчийн лар» хилийта муьлха а зулам даьржинчохь. Ткъа боккъалла а и бехк бу я бац талла хьашт хиларца церан бала а бацара. Коьртаниг ду зорба тоха, дIагайта, дIадийца, милла тешна а цхьаъ тешар ву. Коьртаниг ду итта шарешца кхуллуш хилла долу «шаьлта йиръеш волчу вуочу нохчочун» васт лардар, кхин хийцам боцуш, масане хуьлу тIейогIучу хенахь а иза оьшуш меттиг нислой а?
«Дудаевн эскар» кхоллар билггал шен Iалашо йолуш хIума дара. Оцу кепара массарна а гойтуш дара «Жовхаран некъ» а бу, иштта «Масхадовн некъ» а бу, ма-дарра аьлча Масхадов юьстах ваьлла Дудаевс хIиттош хиллачу Iалашонашах, цо дIахьош ерг капитулянтски политика ю, иза кийча ву Дудаевс кхайкхош хиллачу суверенитетана а дуьхьал вала. Цу гIуллакхо Радуевна аьтто лора Масхадов Асланна адам меллаша дуьхьал даккха.
Радуев Салманан митингашкахь дакъа лоцуш бара селхана-стомара Россин оккупацина дуьхьал хилларш. «Дудаевн эскаре» хIуьттуш бара селхана-стомара цхьа барт болуш мостагIашна дуьхьал летта берш. Оцу кепара бIаьхойн могIаршкахь барт бара бохош.
Нохчийн Iедало жимма кхеравора Радуев, ткъа юха дукха хан ялале цо кхиамца дIахьора шен политически провокациш. Маршонан майданехь (хьалха Ленинан цIе лелийна майда) даима митингаш яра Радуевс вовшахетташ. Церан декъашхой Радуевс дика лелош а бара. Ойла йича, иза ницкъаца жоьпе озош везаш вара, амма махкахь а, цуьнан дозанал арахьара а хьал ишта а синтеме ца хиларца доьзна, иза кхераме дара, цундела Iад Iаш вара Масхадов а.

Ахчанца кхачо еш йоццушшехь, Нохчийчоьхь юхаметтахIитторан белхаш дIадолийра. Схьайоьллуш яра машенаш технически Iалашъяран станциш, паркаш, садаIаран меттигаш, иштта юхаметтахIоттийра драматически театр а, арайоккхуш яра йохийначу гIишлойх йиссина нехаш. Шайн аьттоне хьаьжжина студенташ а, дешархой а тIеэца юьйлаелира лаккхарчу а, юккъерчу а дешаран хьукматаш.

ШолгIачу дийнахь ИбрахIим балха вахара. Дешарна хьаьгна хиллачу берийн хааршка болчу лаама дог деладора хьехархочун. Алапаца дерг нисделла доццушшехь, хьехархой болх беш бара. Хала ду-кх, тIедогIуш рицкъа дац-кх аьлла цхьаьнан а ойла ца кхоллалора. Дагчохь сирлачу кханене боккха тешам бара, цу тешамо гIо дора массо а халонех чекхвала.
Дешаран а, Iилманан а декъан белхалойн алапаца долу кхачамбацарш тесна ца дитира Правительствос — ахча лой а, ахча ца хилча сурсаташ лой а цхьаъ доцуш ца буьтура уьш.
ТIеман заьIапхо хиларна гIишлошъяран организацис дина гIо а, иштта гергарчу наха дакъа лацар а бахьана долуш ИбрахIима сиха юхаметтахIоттийра шен хIусам. ТховкIело яра, хIинца цхьа сингаттам бара — гонахара хьал.
Ша ерриге а политизированни йолчу республикехь политикина юьстахвуьссийла дацара.
1997-чу шеран хьаьттан (август) баттахь Россин а, Нохчийчоьнан а президентийн рогIера цхьаьнакхетар хилира. Цу цхьаьнакхетарехь къастийра нохчийн-оьрсийн юкъаметтигашкахь кхолладелла тIаьхьататта йиш йоцу кхачамбацарш.
— Нохчийн Республикин маршонан хьокъехь вай кхин дIа оьшуш йолу гIулчаш яха еза — дIахьедар дира Россин Президента Ельцин Бориса.
Ишта цо билгалдаьккхира Нохчийчохь Россица юкъара экономически а, оборонни а, иштта авиационни а шорте кхуллур ю аьлла. Цунна нохчийн делегацис цхьаьна а кепара дуьхьало ца йира, я йойла а дацара. Масхадовн программни дIахьедаршкахь а, цо дIакхоьхьучу политикехь а хьахийна а дацара Нохчийчоь Россица аьчка керт йиллина къаста гIертар ю аьлла.
Масхадовс даима билгалдоккхура Нохчийчоьнна суверенитет иза Россира гуттарлера тIелатарех, цо даима дохьучу зуламех ларъялархьама оьшуш хилар. Оцу суверенитето аьтто лур бара Нохчийчоьнна Россера юха а рогIера цхьа бала богIуш меттиг тIеIоттаелча дуьненюкъара бакъонна тIе а тевжаш, дуьненан яккхийчу пачхьалкхашкара гIо деха.
Ткъа Россех буьззинчу барамехь Нохчийчоь шена личъа а къасталур яц, хIунда аьлча цуьнца санна кхин цхьаьна а пачхьалкхаца яц Нохчийчоь ишта экономически а, этнически а, иштта кхин йолу а зIе йолуш.
Цу хьолехь тамашийна хир дара Россин политикийн агIонера и зIе ца кхетар нисделлехь.
Иштта, цу цхьаьнакхетарехь хиира 1997 шо доладелчхьана Нохчийчоьнан экономика а, социальни сфера а юхаметтахIотто бархI бIе шовзткъе ворхI миллиард сом ахча даийтина хилар а, иштта тIейогIучу хенахь кхин а хIора баттахь кхузткъа миллиард сом дIахьажор хилар а.
Цу дIахьедаро Масхадов Аслан боккъалла а цецваьккхинера. Нохчийчоьнан Президента шен рогIехь дIахьедира республике схьакхаьчнарг цхьа бIе ткъа миллиард сом бен дац аьлла.
— Соьгахь цхьа терахь ду, ткъа Аслан Алиевичан иза ялхозза кIезиг ду… билгалдинарг бархI бIе миллиард дара, ткъа къоман банкехь бIе ткъа миллиард бен дац. Кхин долу ахча мича дахна Дела ша воцучунна ца хаьа… и гIуллакх дер ду леррина къасто дезаш — билгалдаьккхира Ельцин Бориса.
Цу хьокъехь долчунах кхето хьаьжира Россин Кхерамазаллин Советан секретарь Рыбкин Иван. Цо дийцарехь бархI бIе шовзткъе ворхI миллиард сом боккъалла а дехьа даьккхина. Иза бакъ ду! Амма дийна ахчанал совнаха, Нохчийчоьхь лелаш векселаш ю. Цундела дийна ахча кIезигах хир ду, къаьсттина мел кIезиг хир ду билгал ца даьккхира цо. Ткъа и миллиардаш Нохчийчу схьакхачале лечкъош дара. Цундела дукха тIеман гIуллакххоша а, иштта политикаша а шайн ницкъ кхочург дора Россин президентаца хIара тайпа цхьаьнакхетарш ца хилийта.
Дукха ца Iаш, Россин лаккхарчу даржашкахь болчара дуьйцур ду мича даханера и ахча. Цунах дер хилла Нохчийчу Къилбаседа ХIирийра а, Ставрополера а, ГIалгIайчуьра а йогIу Россин серлонах а, газах мах дIабелла. Билгалдаккха деза, Нохчийчоьнан дукхох болчу бахархоша серлонах а, газах а маьхза пайда оьцуш хилар.
Ткъа Нохчийчохь-м Масхадовн дуьхьал болчара сиха юьхьарлецира бархI бIе шовзткъе ворхI миллиард соьмах дерг, ткъа цул тIаьхьа Масхадовс Нохчийчу деанарг бIе ткъех миллиард бен дац бохург тергал а ца дира.
Юкъараллин кхетам карзахболуш лаьттара. Радуевн митингехь Масхадовн правительство бехке еш яра и ахча лачкъорна. Нохчийчуьра хьал галдолуш дара. Ткъа Масхадов собаре вара.

IV

1998 шо чIогIа хьийкъина хилира. ИбрахIиман бешара массо а диттийн гаьннаш охьахьош дара мерзачу стоьмаша — туьркаш, баьллаш, гIаммагIаш. Хьавас царех компоташ, вареньеш йира, ткъа биссина стоьмаш гергарчу нахана дIасабийкъира. Бешара стоьмаш кхаччошшехь, хасстоьмаш тIекхиира. Цунах доккха гIо хуьлура. Балхара мокъа волчу хенахь, ИбрахIима цIентIехь гIо дора Хьавайна. Гали шекар а, дама а долуш ду — Iа даккха а хала хир дац бохуш — ойла йора цара. Исламаца цхьаьна ИбрахIим сих-сиха юьрта а воьдура да-нана хIун деш ду хьажа а, царна гIо дан а.
Дечиг доккхура, бежанна докъар кечдора, ша аьхка стоьмех а, хасстоьмех а кечйинарг марнанна йохьуш Хьава а йогIура. Ткъа доьзална жижиг латтош Заурбек вара — цо лерина лелош дара шен даьхни — ткъех гергга уьстагI а, масех етт а, старгIанш а, иштта говр а. Хеда кест-кеста йогIура ИбрахIимгIаьрга гIала хьошалгIа царна шортта юуург а йохьуш. Меллаша, дахар шен хорше доьрзуш лаьттара.
Иштта цу цIентIера дезаршкахь ИбрахIим паргIат хуьлура РадуевгIарах а, БасаевгIарах а, ЕльцингIарах а, цара кегочух а.
Доьзал а, шен хIусам а йоккха синпаргIато яра ИбрахIиман. И ца хилча-м хьервала а гена дацара. Телевизор лато а ца лаьара цунна, я газеташ деша а.
Кху заманахь цуьнан уьйр ца хеда, бакъболу доттагIий бара дуьненан а, иштта оьрсийн а классикаш.
Джек Лондонан турпалхошца цхьаьна дашочу гIамаршла кхача Юконан ша санна шийла тулгIенаш цоьстура цо; Достоевскин турпалхошца цхьаьна дахаран маьIна лоьхура; Купринан «Гранатови браслет» йоьшуш ша Желтковн метта хилча хIу дийр дара те бохуш ойла йора; Дюма турпалхошца пачхьалкхан гIаттамашкахь дакъа лоцура; Гомер воьшуш, ширачу Грецин дуьнене кхочура; Шекспиран говзарийн агIонаш луьстуш, шех Гамлетан ден IиндагIа тарлора.
Доккха дара, шортта дара литературин дуьне. Литература хилира ИбрахIиман уггаре а боккха бахам, ткъа иза кхуьнгара баккха ницкъ кхочур бацара я тIеман а, я Россин эскаран а. Цу доьхначу хьолехь, книгин агIонаша денбеш бара тIеман кIурлахь хIаллак хилла синтем. Книгашкахь даима дикано толам боккхура, диканца дIадоьрзура муьлха а тIедеана вуо. Макиавеллин а, Лебонан а говзарш йоьшуш, ИбрахIим кхетара мел къиза хуьлу Iедале гIерта нах, церан книгаша мел боккха психологически тIеIаткъам бина хилла шайн къаьмнаш Iазапе латтош хиллачу баьччанашна.

ТIамехь а, иштта цIераваьллачу хенахь а ИбрахIима даима сагатдора шен книгашна. ГIебартойн-Балкхарера цIа веъча, цунна гира шен книгашна доккха зен ца хиллий. Бакъ дерг аьлча, массо а дIасхьакхисна-м яра уьш, амма лечкъа ца йинера.
Арахь йиссинарш догIанаш бухахь Iехкина йистинера. Деган Iийжамца уьш яго дийзира ИбрахIиман. Эзар сов книгех лаьттиначу цуьнан библиотекера бIе гергга книга хIаллак хиллера. Иза лалур долу зен дара. Цу хьокъехь Хьавас элира:
— ДагадогIий хьуна, ас хьуна бехк боккхура, ахь книгашна дукха ахча дойу бохуш. Ма дохко яьлла со айса ишта бахарна. Чохь оьшу хIума а ца оьцуш, книгаш эцна хиллахьара ахь… тховса хьан дуьнене долу самукъа цара юхадерзош хилча.
Дейтта шо кхаьчна волчу ИбрахIиман кIантехь Исламехь а дара шен ден лазар. ЧIогIа йоккха уьйр яра цуьнан литературица.
Дуьненчохь ша йоккхучу хенахь доьзал а, книгаш а бен кхин бахам бацара ИбрахIиман, цундела шен хIора а книга Исламана совгIатна юьтуш, йоза яздинера ИбрахIима. КIанта и шатайпа мехала совгIат хазахетарца тIе а лецира.
Ислам я книга карахь йолуш, я телевизор хьалха волуш хилча бен синтем ца хуьлура ИбрахIиман а, Хьаван а. Иза минотана а лулара нийсархой болчу аравалахь сагатдора цара, я бехк а бацара, хIунда аьлча хIетахь тIом дIабаьллехь а, амма машар кеста кхочур болуш ца хиллера Нохчийчу. Соьлжа-ГIалин урамашкахула хехкалуш бара Даймохк маьрша баьккхина шаьш боху сонтабевлла, берриге а герзех а боьттина, мехкан керла дай бу шаьш бохурш. Шайна дага ма деънехь цара герз детташ меттигаш а нислора. ГIалин бахархой кхоьрура царех.
Царна шайна юкъахь барт боьхна меттигаш а нислора, ткъа и дов къасточу хенахь, адамех хIуммаъ я эхь а, я къа а ца хетачу церан тоьпех бераш а, бахархой а леш меттигаш а нислора.

Россин эскар арадаьккхинчул тIаьхьа цIехьа бирзира, тIеман тата геналлера схьахеззашшехь Нохчийчуьра кIур бина бевдда хилларш. Россин набахтешкахь хан токхуш хиллачара я, цигахь зулам лелош хиллачара, Соьлжа-ГIала цIа баьхкича, гергарлонийн уьйрех пайда оьцуш я, кхаьънаш луш, шайн ницкъ кхочург дора шайна Даймохк ларбархойн цIе якхха.
Царех дукхох болчеран тIеман декъашхойн тоьшаллин кехаташ а, орденаш а, мидалш а яра. Уьш-м ког баккха баьккхинчохь юхкуш ма ярий. Тоьпан молханан хьожа а кхетаза болчу цара хIуммаъ эхь ца хеташ, шаьш нохчийн тIамехь гайтина хьуьнарш дийца охьаховшура. Царех халкълахь кооперативни тIемалой олура.
«Даймохк ларбархойн» цхьа кхи тоба а яра. Уьш бара тIеман заманахь дийнахь а, буса а нехан хIусамашкахула кхерсташ, шайна караеънарг лечкъош лелаш хилларш. ТIамах мелла а маьрша йолчу меттигашка дIа а хьой дIаюхкура цара, жимма а мехала йолу хIума.
Цунах даьккхинчу ахчанах шайна наркотикаш оьцура, ткъа уьш кхачийча, юха а шайн боьха йохкар-эцар лело буьйлалора.
Бакъ болчу бIаьхоша-м шайн кара баьхкича къиза таIзар дора царна. Кхин дош ца олуш, меттигехь тоьпаш тухура царна. Цундела тIемалошах чIогIа кхоьрура жуьлгаш оьрсийн саьлтехчул а, хIунда аьлча уьш-м къаркъанан шиша делча сиха кочара бовлура.

«Даймохк ларбархойн» шинаъ тобанах кхоллалуш яра зуламхойн юкъаралла. Цара шайна мах белча нах бойура, ахча даккха адамаш лечкъадора, мехкдаьтта лечкъадора, кхин долу а даккхий зуламаш дора. Цаьрца къиссам ма-хуьллу латтош бара, амма Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон а, кхи йолчу нуьцкъллин структурех а, уьш башха кхоьруш бацара. Iедало дIалаьцна волу зуламхо маьрша ваккха герзаца нахах йоьттина керлачу машенашкахь мобильни тоба кхочура. Шайгахь гранотометаш а, ишта кхин тоьлла герз а долчу цара муьлха а КПЗ а, РОВД тIамца йоккхура я, ультиматут хIоттайора. Оцу кепара шайн накъост маьрша воккхура цара. Ала деза, цара и сихонца кхочуш деш хилар. Ткъа милиционерашна гIо шен хеннахь тIе ца кхочура, мобильни зIе гIийла хиларна.
Зуламхоша закъалтана лаьцна нах Березовскис маьрша баьхначул тIаьхьа, Нохчийчоьнан рынкашкахь гучубовлура и сонта кегий нах. Масех керла машен а оьций, цу тIехь «Масюкера совгIат» я, «Власовера совгIат» олий куьйга йоза а дай уьш хахкалой дIа боьлхура керла хьуьнарш гайта.
Ткъа боккъалла а мостагIех летта хилла берш-м тийна-таьIна, шайн хьанал рицкъа доккхуш Iаш бара. ИбрахIим санна школехь балхахь бара я, юьртбахам лелош бара.
Цхьаболу тIемалой Чоьхьарчу кхерамазаллин Министерствон структурийн урхаллашка а, Пачхьалкхан кхерамазаллин Департаменте а балха боьлхура. Царех цхьаберш президентан а, иштта министрийн а, депутатийн а гIаролехь балхахь бара, ткъа цхьаберш пачхьалкхан маьIне объектийн, къаьсттина политически а, экономически а доккха маьIна долу Баку-Новороссийск трубопроводан гIаролехь балхахь бара.
Амма цуьнца нийсса, лаккхарчу пачхьалкхан даржашкара цхьаболчу полевой командирийн шайн зуламан тобанаш а яра, шайгара Iедалан ницкъах пайда а оьцуш, царна гIо дора цара.
Дерриге а шайн дахарца адамийн сибатах довларан масала хилла, гергарчийн безамах а, ларамах а бевлла болу уьш, инзаре кхераме бара. Цкъа меллаша ийзалуш, юха майра бевлла, шайна таIзар хир доций хууш, Нохчийчоьхь зуламан орам тессира цара. Цара лелочун маьIна дан дош карор дацара. Наркотикаша бахийначу церан къизаллин доза дацара.
Царна бен вацара нохчо а, эрмало а, оьрсий а. Ахчанах муьлхха а дахар хадо, муьлхха а кхоллам кагбан кийча бара уьш.
ТIеман кIурлахь цIийца яьккхина хилла Нохчийчоьнан маршонан цIе сийсаза еш, и маршо йоккуш хиллачийн цIе сийсаза еш, лелара уьш дерриге а дуьненна хьалха.
Иза дара Масхадовн доккха гIалат. Iедалан мукъ шен карахь боллушшехь, цо ца сацийра даьржаш долу зулам. Цкъа шайна магийтинарг, кхин дIа а мегар дуй хиъначара Iедалан дозанаш тергал ца дора.
ТIамо кхетор ца хиллера уьш. ТIамах беркат хилла нах бара уьш. Селхана-стомара къоьллин гурашкахь хилла уьш, тховса тIамах баьллачу пайданах дуьненан дай хетта лелара.
Амма кхане йолуш нах бацара уьш. Дуьткъ деллачохь хедар ду олуш цхьа хIума ду халкълахь. Чаккхе йоцуш хIума дац, зулам тешне а.
Шеко яцара и адамаш ю боху хIумнаш Нохчийчоьнан дозанал арахьара баккхийчу ницкъашца боьзна хиларан. ТIамо йохийначу республикехь и тайпа барамехь ахча кара кхочийла дацара, иза даккхаран некъ хьарам ца хилча.
Цхьаммо а дош ца олуш, уьш Москвахула а, Петербургехула а, Казанехула а, Россин кхин йолчу гIаланашкахула а, иштта дерриге а дуьненчухула дIасалеларо гойтура Москвана уьш мегаш буй. Зулам шалха, кхолха гуо лоцуш дара дерриге а къоман. Ткъа Нохчийчоьхь къиссам барий цуьнца боьдуш? Бара! Амма хила ма-беззара бацара. Иза ишта хилийта юкъараллин цхьа барт хилар дара оьшуш, амма иза шина-кхаа дийнахь хуьлу хIума дац. Цунна хан оьшура, къаьсттина тIеман тIаьхьалонийн муьрехь. Амма цу къиссама шен хьалхара гIулч а яьккхира — зуламхошна духьало яр дIадолийра.


V

Нохчийчуьра хиламашца нийсса, ИбрахIима лерина тергал деш дара Россехь а кху дуьненчохь а хуьлуш дерг, къаьсттина иза Нохчийчоьнах хьакхалуш делахь. Иштта, 1997-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 14-хь Россин Федерацин Пачхьалкхан Думас къастийра Россина а, Нохчийн Республика Ичкерина а юкъара барт хиларан ши проект — российски а, нохчийн а. Российски проект иза доцца аьлча мацах Завгаев Докус куьйг яздиначу Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин юкъаметтигийн а коьрта принципийн а, иштта Россин Федерацин ГIезалойн махкаца биначу бартах а йина компиляци санна яра.
Цу проекта тергал деш дацара Масхадовс а, Лебедьс а Хасавюртехь барт бина хилар а, иштта 1997-чу шеран хIуттосург (май) беттан 12-чохь Масхадовс а, Ельцина а куьйг яздина долу Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а юкъаметтигийн а, машаран а барт баран кехат а. Россин Федерацин Пачхьалкхан Думас Кремлан агIо лецира, Россин цхьалла ларъяеш. Нохчийн Республика Ичкериян статусехула хаттар къасто лаам бацара я Россин а я, Пачхьалкхан Думин а.
Россин Iедалан массо а гуонехь Нохчийчоьнан статусехула даьржина хабар бахьана долуш, дицделлера цу республикин кхин мел долу кхачамбацарш, ткъа уьш статусе ца хьаьжжина а къасто дезаш дара Россис шен лаам нагахь санна хиллехь.

Дицдинера Россин президента Ельцин Бориса дина дIахьедар а: «Вай кхин дIа а оьшу гIулчаш яха еза Нохчийн Республикин Ичкериян маршонан хьокъехь».
Цу дерригено а гойтура, Нохчийчуьра тIеман тIаьхьалонаш бахьана долуш галдаьлла экономически хьал къасто Россин бала ца хилар.
Нохчийчоьнна ахча ца дала ойла массеран а кортошкахь чIагIлуш яра. Россин Федерацин финансийн министерство хIинцале дуьхьал яьллера хьалха биначу бартана, карарчу хенахь ахча дац бохуш. Иза дара 1994-чу шарера 1996 шо кхаччалц Нохчийчоьнна мел хилла зен юхаметтахIотто ахча дац я, хуьлий а ца хаьа бохург.

Цуьнца нийсса, 1997-чу шарахь дуьйна ерриге а Россехь дIадолийра 1997-чу шеран мангалан (июль) беттан 30-гIа кхачале Нохчийчуьра дIа мел баханчу муьлхха а къоман бахархошна компенсациш далар. И ахча схьаэца церан аьтто бара нагахь санна уьш тIедогIучу пхеа шарахь Нохчийчу юха богIур болуш а бацахь, иштта Нохчийчохь шайн йолу хIусам шайна ца оьшу аьлла, йозанца цара тоьшалла дича а.
Цул совнаха, и ахча схьаэца шортта бюрократически зерах чекхбовла безара уьш. Инзаре дукха кехаташ кечдан дезара цара, ткъа цхьа а справка яккха йиш яцара кхаьънаш ца делча. Цул совнаха, компенсаци схьаоьцуш, тIедожийна дара цуьнан ах мах иза схьалучу конторе охьабилла а.
Оцу кепара, кехаташ кечдеш мел дайна ахча а тидаме эцча, тIамах зен хиллачунна кхочуш ерг капекаш бен яцара. Ткъа даржашкахь болчеран киса шорлуш дара. Нохчийн тIамах дика пайда хилира Нохчийчуьра мухIажарш тIеэцна хиллачу луларчу регионашна а, хIунда аьлча гуманитарни гIо а кхин долу мухIажаршна лерина долу ахча а цара дукха хьолахь шайна чудерзош дара.
Цундела вацара цхьа а Нохчийчуьра тIом д1абалийта лууш. Нохчийн къоман ирча цIе кхуллуш, шайн хирг деш бара уьш Нохчийчуьра тIеман хьал дIа ца далийта. Ткъа и яцара къомана тIе хIоттийна рогIера геноцид?

Массо а шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь догIа санна охьабоьлхура нохчий сийсаза бен хаамаш. Кху дуьненан муьлхха а маьIехь хиллачу бохаман «нохчийн лар» яра карош.
Нохчийн агIоно ша террористашца а, нах лечкъош болчарца а шуьйра къиссам латто шен лаам бу аьлла дIахьедар дича, гучуделира тоьлла Россехь сел кхиамца терроризмаца къиссам латтош болу инарлаш а, лериначу ницкъийн урхаллаш а Нохчийчоьхь и къиссам латто лууш бац, хIунда аьлча уьш кхоьру террористех а, нах лечкъочарах а шайн дахарна зен хиларна.

1998 шо долалуш Москваца пхоьазза барт бина яздинчу кехаташ юкъара кхочуш хилларг цхьаъ бен дацара — Азербайджанан мехкдаьтта Нохчийчухула дехьадаккхар. Цу гIуллакхна гIаролан лерина подразделени а кхоьллинера. Оцу кепара кхин а масех бIе стагана белхан меттигаш нисъелира, ткъа кхин болчара хIун дан деза?

Кхолладелла хьолан мах а хадийна ИбрахIим кхийтира мел провокационни хилла Нохчийчоьнан экономически блокада бакъ еш Россин политикаша деш хилла долу дIахьедарш. Цара олура нагахь санна Нохчийн Республикин экономика юхаметтахIоттор дIадоладахь, иза Россис контрибуци дIаялар санна хир ду. Ткъа иза Россис ша жимачу Нохчийчоьнга эшаяйтина хиларан тоьшалла лара мегар ду. Иза эхь ма ду. Ишта хилийта мегар дац. Цундела Нохчийчоь маьрша пачхьалкха хилар тIе ца лаца, иза эшо еза.
Ткъа эшнера Росси цу тIамехь я тоьллера? Цкъа делахь тIом барий теша и? Селхана-стомара и тIом боьдучу хенахь Росси багах чопа а еана ерриге а дуьненна мохь бетташ ма яра и тIом бац, конституционни низам юхаметтахIоттор ду бохуш.
Ма-дарра аьлча цхьаммо а Россин агIонера кхайкхийна а дацара тIом болалуш хилар. 1993-чу шеран Россин конституцига хьаьжжина тIом кхайкхор вуно чолхе хIума ду. Оццу конституцехь билгалдоккхуш ду Россин чIогIа машар безаш хилар а, тIом цо нагахь санна шена кхерам хилча бен цкъа а бийриг ца хилар а.
Россин массо а Iедалан агIонаша цхьа барт а бина кхайкхо безаш бу тIом. Президентан омра къаста а дина, тIечIагIда дезаш ду Пачхьалкхин Думас а, иштта Федерацин Совета а. Нохчийчоьнна, конституцига хьаьжжина мегаш хилла цуьнан хьаьрмахь чолхе хьал кхайкхо. Ткъа иза а ца динера. Делахь, Нохчийчоьхь конституционни низам хилла-кх юхаметтахIоттош?! Ткъа юха кхин цхьа хаттар кхоллало. Аьтто баьлли и конституционни низам юхаметтахIотто?
ТIаккха Буденновскехь а, Первомайскехь а хилла-кх конституционни низам юхаметтахIоттош? Цигахь-м боккъалла а иза юхаметтахIоттийра. Зенаш хиллачу массо а бахархошна компенсациш а дIаделира, иштта цу меттигийн инфраструктура а тайира. Юридически Россис Нохчийчоьнан статус билгал ца йира. Иза хIинца а кхозуш ю хIаваэхь. Делахь, Нохчийчоь Буденовск а, Первмомайск а санна Россин ларалуш ю-кх, тIаккха Нохчийчоьнан бахархойн а церан санна бакъонаш ю-кх.
Цундела, дика хир дацара бехк боцучу нахана тIе бомабанаш а ца етташ, дийнна къоман цIе сийсаза а ца еш, адамийн бакъонаш массанхьа а санна кхузахь а ларъйича?

Нагахь санна Нохчийчоь 1993-чу шеран Конституцехь яздина ма хиллара Россин дакъа ца хилча, делахь Россис Нохчийчоьнца бинарг тIом бу-кх. Кхузахь конституцис бохург кхочуш ца дина, къаьсттина тIом кхайкхоран низам а, Россин арахьарчу политикин машаре амал хилар а.
Ерриге а Россехь Нохчийчуьра мухIажараш мухIажарш санна лоруш бацара, уьш чуьра мигранташ бара, ца бевлла шайн республикера арабевлла, цундела «мухIажаран статусах» лаьцна законодательни акташ царех хьакхалуш дацара.
Билгалдаккха деза, мигрантан кехат даккха а нохчийн къомах болчарна инзаре хала дара — цунах а ахча дала дезаш дара. ЛадоьгIча мухIажарш а бацара я, тIом а бацара, Конституцис бохург а динера. Дер тIом а ма бара, шен къизаллин барам оза терза карор доцуш, мухIажарш а ма бара хIара дуьне гатдина, шаьш мича гIур бу ца хууш, 1993-чу шеран Россин Федерацин конституцин массо а статья а йохийнера.
И къиза тIом болорна бехке мила ву, и сел къиза беш хиларна бехке мила ву хууш дацара, хIинца а таIзар ца динера Сирж-Эвла, СемаIаш, ГIойист, Чири-Эвла а, кхин йолчу а нохчийн ярташкахь къизалла гайтиначарна, чим бина Соьлжа-ГIала ягийначарна, Нохчийн Республикин бIе пхи эзар маьрша адам хIаллак диначарна, инарлашкара а, саьлтишкара а мидалш, орденаш схьа ца яьхнера, нохчийн геноцид кхочуш ярна царна елла йолу.
Дукха бара куьйг бехкениш. Ткъа цу тIамехь толам баьккхиний Россис? Дер ца баьккхина. Росси дуьненахь сийлахь йоккха пачхьалкха ларалуш ю, ткъа цуьнан сийлалла-м дукха хьолахь йоьзна ю Iаламат дукха герз хиларца а, лаьттан шорталлица а. Ткъа нагахь санна и герз хиларо дуьненюкъара законаш дохо цунна бакъо луш хилча-м лара мегар ду толам баьккхина хилар.
Муьлха а къам доьза дайалц тIом бан дагахь и хилча, хийла еттар ю цо толаман шатлакхаш. Амма нагахь санна Россина боккъалла а дуьненан тIегIанехь шен сийлалла гайта лаахь, цо уггаре а хьалха, шена иза мел хала делахь а дерриге а дуьненна дIакхайкхо беза Нохчийчоьнан а, Россин а агIонашкара бехке берш, царна таIзар а дан деза дуьненюкъара бакъонан лехамашка хьаьжжина, нохчийн къам къинтIера а даккха деза ша диначунна, Нохчийчоьнца кхолладелла массо а къовсаме хаттар бомбанашца а ца къастош, стоьла хьалха, маьрша къасто а деза, Россин эскара аьтта охьайиллина Нохчийчоь юхаметтахIотто а еза, цуьнан бахархошна йохийначу хIусамех компенсаци яла а еза. Иза ша дерриге а шерашца кхочуш дан мега хIума ду. Россин экономически хьал чолхе ду, цундела цо шен ницкъашшка а, аьттонашка а хьаьжжина ша и кхочуш дийриг хилар тIелаца деза. Чолхе хир дацара и хьал нагахь санна пачхьалкхан дола деш хила ма веззара да а валахь цуьнан кхиарах дог лозуш нах цуьнан куьйгаллехь а балхьара. Нохчийн тIамах «байракх» а бина, Iаламат дукха Россин Iаламан сурсаташах ка етташ, цу пачхьалкхара рицкъа арадоккхуш бара уьш. И шайна дола а дерзийна, нохчийн къам бехке а дина, баха хевшира кутал нах.

Россина масалина яло мегар ду Гитлеран политикас къизалла латтийначарна компенсаци дIалуш йолу Германи.
Шена чуьра и кхачамбацар къасторехь Россис цхьацца дуьхьал гIулч яьккха еза Европан а, Азиян а Iамаьркан а цхьа йолчу пачхьалкхашца йолчу юкъаметтигашкахь. ТIаккха хир ю Росси Сийлахь йоккха пачхьалкха. ТIаккха вер вацара цхьа а цуьнан сийлаллех шек.
Россис экономически а, политически а блокада ярна Нохчийчоьхь цIеххьана лаккха делира зуламан тIегIа, Масхадовс цунна дуьхьал къиссам латтош боллушшехь. Йохийна гIишлош, белхазалла, доцу ахча — цу дерригено а сабIарздина, ричкъа мичара доккху ца хуучу наха зуламе боьду некъ а хоржура.

1997-гIа шо Соьлжа-ГIалахь конденсатаца билгалделира. Селхана-стомара бералла йоцу кхиъна бераш, тховса жималлин зовкхах хьоьгуш биссинера, церан аьтто бацара я болх каро а, я лаккхара дешаран хьукматашка деша хIитта а, хIунда аьлча ишколехь кхачам болуш дешна бацара уьш тIом бахьанехь. И кегий нах дIахьевдира орнаш даха. Цаьрга бехк а бацара. Царна ца лаьара герз карахь зуламан некъа тIе бовла, ткъа цхьаьна агIор рицкъа а дара даккха дезаш. Шайн доьзалшна гIо даррий бен кхин ният доцуш хилла уьш лецира боьхачу гураша. Итт-шийтта метр ор даьккхича, насосаца схьаоза мега мехкдаьттан конденсат гучудолу. Ткъа юха цунах лахара кхачалла йолу сурсаташ долу — бензин а, солярка а. Цу кIоргене кхаччалц ахка кхераме ду, хIунда аьлча ворхI-бархI метр кIорга ваьлча а зене Iаьнарш гучуйолу, и бахьана долуш, яьккхинчу гIун пенош охьахарца таро ю.
ГIу йоккхуш цу чувуссура противогаз тIехь йолуш цхьаъ, электрозIенехула цунна тIетесначу пылесосехула хIаваъ дIа кхачадора. Мел чIогIа онда, ницкъ болуш верг а цу чохь итта-пхийтта минотехь бен ца Iалора. Са кхачийча, цо муш озабой, хоуьйтура шен кхин тоха са доций, ткъа цул тIаьхьа накъосташа иза сихонца схьала а воккхий, цуьнан метта кхин чувуссура…
Оцу кепара ерриге а Соьлжа-ГIала охкуш яра. Цхьа болчара гIунаш яра йохуш, кхин берш мехкдаьттан конденсат схьаозош бара, важа цунах бензин кхехкош бара, кхин берш иза Нохчийчоьнан дозанал ара а доккхуш, иза цигахь духкуш бара. Юха и кегийра тобанаш яьккхийчу тобанашка а йоьрзуш, вовшашца къиссам латто юьйлаелира, цара къуьссура мехкдаьттан конденсат доккху меттиг.

Къинхьегаман хьелаш хала дара, амма алапа дика дара. Гонахара Iаламана зен хиларал совнаха, цара талхош шайн могашалла а яра. Дийнна де доккхура цара конденсатан дIовше Iаьнарш шайна чу а ийзош. Иза кхехкош йолу аппараташ кхачам болуш йина ца хиларна, сих-сиха лелхара. Кегий нах леш бара — цхьа берш аппарат эккхар бахьана долуш, кхин берш мехкдаьтта доккху меттиг герзаца къуьссуш.
Кестта уьш шайн тергоне ийцира меттигера нуьцкъаллин структураша, къаьсттина Пачхьалкхан кхерамазаллин Департамента а, Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон экономически зуламашца къиссам латторан урхаллас а. И тайпа йохкар-эцар лелош хилларш меттигера зуламхоша я, полевой командираша дола деш бара.
Iеламнаха маьждигашкахь кхайкхадора «конденсантни бизнес» лелор хьарам ду аьлла, цара йемал дира цу гIуллакхан, халкъан рицкъа ду лечкъош дерг аьлла билгал а доккхуш. Цул совнаха, Iеламнаха иштта тидам тIехьажийра и гIуллакх лелош болу кегий нах тIаьхьарчу хенахь дукха леш хиларна, ткъа иза къомана а эшам бу, бензин кхехкош Iаламана а хуьллу доккха зен. Амма цаьрга ладогIа дагахь цхьа а вацара.

«Конденсатни бизнесаца» Iедалан хьежам шалха бара. Экономически агIонера хьаьжча иза пайдехь къинхьегам бара, хIунда аьлча мацца даьлла а конденсата латтана тIе а даьлла, юха хиш бех дийр дара, ткъа Нохчийчоьнан Правительствон аьтто бацара мехкдаьтта лаьттан кийрара оьшучу барамехь схьаэца а, иза даккхар нийсачу хорше дерзо а.
Амма, цуьнца нийсса адаман могашаллина а, экологина а хуьлуш боккха эшам бара. Къаьсттина чолхе хьал дара къилба-малхбален Нохчийчоьхь, цигара хIора а юьртан хIаваъ дIовше хилла даьллера кхехкхочу бензинах.
Цул совнаха, хьалха мехкдаьттан вышканаш лаьттинчохь, алу хилла йогура масех хаьштиг, цигара эзар тонн мехкадаьтта дара тIехоьхуш. Иза шайн ницкъаца сацо, лерина гIирс ца хилча аьтто бацара. Ши бIе метр герга воьдучохь а дацара цига. Царех цхьа ерш 1994-чу шарахь дуьйна йогуш яра. ТIеман кIуро лаьцна хилла Нохчийчоьнан стигла хIинца кхехкачу мехкдаьттас дIалаьцнера. ЛартIахь садеIа а йиш йоцуш хьал хIоьттинера махкахь. Кху къомана пайдана, беркатана Iаламо делла хиллачу цу сурсатах тховса къомана дIовш хиллера.
ТIамах ца леш диссина адам хIинца мехкдаьттан кIурлахь садеIа йиш йоцу леш дара. Пехийн лазар шуьйра даьржинера махкахь. Уггаре а жигара безин кхехкочу Шелахь тIом балале шарахь ткъе итт эзар сов бер дуьненчу долура, ткъа 1997-чу шарахь церан терахь пхийтта эзар а дацара, цул совнаха, дукхох долу бераш дешшехь лазарца а дара.
Советски Союз хиллачу пачхьалкхан хьаьрмахь уггаре а йорах бензин Нохчийчоьхь дара. Республикина цунах хуьлуш пайда бацара.

Конденсатни бизнесан и массо а дика а вуо а агIонаш тидаме а лаьцна республикин правительствехь сацам биначух тера дара цуьнца гIийла къиссам латто. Амма хIете а цхьаьна шарна юкъахь эзар ши бIе кустарни установка хIаллак йинера.
Меттигера телевиденехь правительствон премьер-министр волу Басаев Шемал а вистхилира «кондесатни бизнес» пайдехь ю бохуш къамел деш. Иза-м Нохчийчоьхь таханлера де кхаччалц кхиъна йогIуш ю, амма Россин эскар чудеъчхьана, цунах пайда оьцуш дукха хьолахь тIеман гIуллакххой бен бац, цу зене белхан барам Iаламат боккха а бу — инарлийн кисанашка доьду миллиардаш ахчанаш.
Амма иза хилла ца Iара нохчийн Iаламана зенехь йохкар-эцар. Нохчийн ярташкахь юьртбахам лелорал совнаха, дечиг дара духкуш.
1994 шо доладелчхьана дагарна буха яхана гIилошъяран хьун. Нохчийчоьнан ламана пхеа кIоштахь — Веданахь а, Нажи-Юьртахь а, Шуьйтахь а, Итон-Кхелахь а, ГаланчIожехь а юкъараллин экономически а, политически а хIоттаме хьаьжжина бахархойн терахь къаьсташ хуьлу — кхо бIе эзар стаг. Кхузара хьал хала хилар доьзна ду Россис Нохчийчу йогIу газ лахъйина хиларца. Оцу кепара ламчохь дечиг а, кIора а багош хиллачу нахана хIинца тIекхетта аренца болу бахархой а. Хьаннан бахаман белхалоша уггаре а лахара а диначу жамIашца адамаш деха гIишлошкахь а, ишколашкахь а, больницашкахь а, иштта кхин йолу хьукматашкахь а йовхо латто кхо бIе эзар кубически метр хьун оьшура.
Цул совнаха, йохийна гIишлош юхаметтахIитто а, керла гIишлош ян а кхо бIе эзар гергга кубически метр хьун яра хьокхуш. Мехкдаьттанна тIаьхье хьун хилира пайда баран цхьа агIо. Дечиган цхьаьна машенах пхи бIе сом доьхура. Хьун хьокхуш волчунна бен дацара ша диг тоьхна дожош дерг пап ду я, къахьашту ду.
Дагарна буха доьлхуш дара диттийн мехала тайпанаш. Оцу кепара цхьа кубометр хьунхара дечиг даьккхича, республикин цхьа эзар доллар гергга ахча дара довш. Иза инзаре бохам бара нохчийн Iаламна а, экономикина а, амма дан хIума дацара, хIунда аьлча йовхо ца хилча ца долура къам, иза массарна а оьшура. Ишта йолаеллера Росси къар ца лу Нохчийчоь къаръян. Цо гойтура кхин йолчу субъекташна хIун хир ду нагахь санна уьш нохчашкара масала а эцна маршоне кховдахь. Цкъа Россис республикин берриге а бахам хIаллак бо, ткъа юха цхьа а гIо доцуш, дан амал доцуш юьту иза, кхин дIа цуьнан массо а некъ бохош. Дукха хьекъал ца оьшура кхета Росси Нохчийчоьнна бекхам бан кечлуш юй.


VI

ИбрахIим балхахь волчу школе веара кIоштан администрацин куьйгалхо Хабибулаев Эдалбек. Жималлехь дуьйна накъостий бара уьш. Эдалбек Мехкдаьттан институтехь доьшуш вара. И шиъ вевзинера Чеховн цIарахчу библиотекехь, хIетахь дуьйна доттагIалла лелош а вара. ИбрахIим санна тIом бина а вара Эдалбек. 1996-чу шарахь Соьлжа-ГIала йоккхучу хенахь чIогIа лазийнера иза. ХIетахь доьналла гайтарна орден а еллера цунна.
Шен политически хьежамашца Россехьа оьзна вара иза, амма хIете а Нохчийчоь цунна дуьненюкъара бакъонан субъект хетара.
Эдалбека школин куьйгалле дехара дира хьехархошна юкъара цхьаъ билгалвахьара шена аьлла меттигера телевиденехь вистхила.

Переменехь хьехархойн гулам а кхайкхина, администрацин куьйгалхочо хаьттира цаьрга мила ву реза телевиденехь вистхила. Цхьа болчара шайн йиш яц элира, кхин болчарна эхь хетара, ма-дарра аьлча цхьа а реза ца хилира. ТIаккха Эдалбек дехарца ИбрахIиман бIаьра хьаьжира, ша телевиденехь и хан халла яккхинера, ткъа къамел тахана ца дича йиш яц. ИбрахIим цкъа реза ца хила дагахь вара, амма накъоста хIусам юхаметтахIоттош шена дина гIо дага а деана, цунна эхь хийтира Эдалбекан дехара кхочуш ца дан. Цул совнаха, ИбрахIиман махкахошка дийца шортта хIума а гулделла.

— Дика ду! Амма сан биллам бу! Цкъа делахь пхи минот суна тоьур яц. Суна ах сахьт гергга хан оьшу. ШолгIа делахь а, со вистхилла валлалц сан къамелана юкъа ма лелха. Къамел соьга сарахь бархI сахьт долуш дайта, хIунда аьлча хIетахь республикин массо а бахархой цIахь хуьлу, — элира ИбрахIима.
Эдалбек реза а хилла телецентре дIавахара, ИбрахIиман къамелан хан 20 сахьт 30 минот яьлча билгалъян.
ИбрахIим шен кабинетана чувахара, хин долчу къамелана кечам бан…

Суьйранна, ИбрахIим волчу чувеара цуьнан гергара а, белхан накъост Асабаев Iиса а, цуьнан йиша Айзази а. Iисас ша, ИбрахIим телецентре а, цигара цIа а кхетор ву элира. Цу тIехь церан барт а хилира.

БархIолгIачун ах даьлча уьш телецентре бахара. Iиса шен машеначохь Iаш вара, ткъа ИбрахIим телевиденин белхалошца чоьхьавелира. Иза хазахеташ вара шен къамел ма-ярра йолчу эфирехь хир долуш, хIунда аьлча йиш хир яц цхьанна нийса ца хеттарг дIадаккха.
Передачин редактор яра дикка хан яьлла зуда. Цо элира ИбрахIиме хIун дийца мегар ду а дац, ткъа къаьсттина политикаца а, экономикица а, динца а доьзна къамел дан мегар дац элира цо.
— Кху цхьаьна кога тIехь хелхавала-м ца боху аш тIаккха соьга? — элира ИбрахIима шен Iаса протезах а Iуьттуш, — ас хIун къамел дийр ду гIалин администрацина а, Культурин министерствона а хууш ду. Нагахь санна аш суна новкъарло еш хилахь, со дIагур ву… шайн ловзаршна кхинаг лаха.
— ХIан-хIа… хIан-хIа, дIаваха ца оьшу. Тхо долчу баьхкинчара пачхьалкхана луьйш, я цхьа гIуллакх доцург дукха дуьйцуш хуьлу, цундела бахар ас, — бехказала яхара редактор, — гайтал хьайн къамел тIехь долу кехат — куьйг схьакховдийра цо.
— Суна цкъачуна гуш яц кхузахь цхьа а пачхьалкха, ткъа къамел кехат тIехь дац, къамел сан Iовдал коьртачохь ду, кхуза ван реза хилла болчу.
— Дика ду, дика ду… бехк ма биллалахь суна. Вало, гримерни доьлху вай, жимма грим ян еза хьуна…
— Сан хьечу кIур а тоьхна, хIинца юьхь тIе пудар тоха-м ца гIерта шу? — забар йира ИбрахIима, ткъа юха ша ишта а цец яьккхинчу редакторе хаьттира
— Оператор мичахь ву шун? Со дика гайта ала дезаш ву со цуьнга… масане хуьлу цхьаьна хазчу йоьIана везалахь а… хIинца моде ма даьлли кхо-йиъ зуда юьгуш.
— Иза цкъачуна мокъа вац, амма кеста схьавогIур ву.

Оператор дукха ца Iаш, веара. ИбрахIима иза юьстах а ваьккхина, хаьттира
— Хьан цIе хIун ю?
— Джамайка
— Джамайка… тов… ямайка… Джамал хир ву-кх хьо, вуй? ЛадогIал соьга.
— ХIан-хIа… сан цIе Джамайка ю.
— Ма лелха сан къамелана юкъа… Джамайка цIе ца хуьлу… нохчийн цIе Джамал ю. ЛадогIал, Джамал… сан ах сахьт хан ю. Нагахь санна ахь сан къамел минот хьалха а сацадахь я, суна цхьа новкъарло яхь, ахь кхузахь кхин болх бийр бац хьуна… кхеттий хьо?
— Кхетта… соьга Хабибулаев Эдалбека элира хьо дика снимать ве…
— Снимать ма ве… гайта… снимать снайперша бо, ткъа хьо йоккха кхане йолуш оператор ву. И куьзганаш дехкина зуда а кху чуьра араяккха, хьайга яккхалахь.
— Мила? Зайнапи? Иза тхан жоьпаллин редактор ю. Иза-м хIинца дIагIур ю, цуьнан кIанта йоI ядийна тахана.
— Ма гIуллакх дина-кх цуо и ядийна, тIаккха вайшинан барт хилла, болх дIагIур бу, — ИбрахIима реза хиларца белша тIе куьйг туьйхира Джамайкина.
Зайнап гримерни чухьаьжира. Грим яйта реза ца хилла ИбрахIим Iаш вара цхьаьна журналан агIонаш дIа а луьстуш. Цу тIехь дуьйцура 1982-чу шарахь Эмбиси Хоум Энтертеймент телеканалехь Кортесе Григорийх лаьцна Баллада» кино яккхаран башхаллех лаьцна а, иза йоккхуш хиллачу режиссерех Янг Робертах а, Эспарази Монтесумах а, Хаусмен Майклах а.
Зайнапах бIаьрг кхеттачу ИбрахIима хаьттира:
— Iамаьркан говзанчашкара зеделлачух пайда оьцуш бу шу?
— Мичара?! Церан миллионаш ду, ткъа тхан кассеташ эца а аьтто бац, цундела ма-ярра эфирехь болх бан безаш хуьлу. Дала мукъ лахь дика чекх ер ю эфир. Со сиха цIа кхача езаш ца хиллехь, соцур яра, хьуна гIо дан — элира Зайнапа, иза хIун дийца дагахь ву талла а гIерташ
— Дер ма хIума дац и… ахь суна ишта а дика гIо дира… Iа дика йойла хьан, — ИбрахIима сиха новкъаеккхира ца оьшу хаттаршца шен дог этIийна редактор.

Аьчка неIар тIехь яздина дара «Ма ярра эфир! ГIовгIа ма йе!». Студи чохь операторца цхьаьна кхин а шиъ вара: серлонан говзанча а, аьзнийн оператор а.

Шен къамел ИбрахIима махкахошка маршалла хаттарца дIадолийра. Цо билгалдаьккира республикехь хIинца а кхин долчу къаьмнашкара нах хиларна бехаш, Россин куьйгаллас дийцарехь-м Нохчийчоь юьзна ю Iаьрбойх а, африканцех а, украинцех а, кху дуьнентIехь мел долчу къаьмнех а, папуасийн бисте кхаччал, цундела ша оьрсийн маттахь вист хир ву аьлла.

— Дика ду-кх вайн республика ган тайп-тайпана къаьмнашкара нехан лаам хилча. Амма хIун дахьаш богIу уьш? Муьлш бу уьш?
Со Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан 41-чу школехь болх беш ву дешаран декъан директоран гIовсан даржехь, иштта оьрсийн мотт а, литература а берашна хьоьхуш а ву.
Амма суна цкъа а гина дац тхан школехь а, кхин йолчу гIалара школашкахь а кхузахь бехачу кхечу къаьмнийн бераш. Церан бераш а, зударийн а ирсечу маьрша мехкашкахь Iаш болчух тера ду. Ткъа кхуза а баьхкина, герз карахь лелаш берш кхета беза, я уьш вайн куьйгаллас кхето беза вай кхолла гIертар маьрша пачхьалкха ю, тIеман полигон яц.
Кхин дIа суна билгалдаккха луур дара — хIара дуьне кхуллуш кху махкахь кхоьллина долу вайн хIара жима нохчийн къам хIинца а боккъалла маьIна деш, кхетта дац вайна хиллачух а, хIинца хуьлуш долчунах а. Вай я сихонца хIаллак до бомбанаш, даьндаргаш, снарядаш тохий я, сийначу Сибрех дIа а дуьгий шелана, мацалла дала охьакхуьссу я, цхьа ца бевза, тамашийна мостагIий баржабо вайна юкъахь, я дегнашка гамо, оьгIазло йоссайой хIаллак бо.
Шен имперски куралла йолчу Россин вайна тIехь динарг, кхин болчарна шен ницкъ гойтуш дина ду — шу массо а сан карахь ду, хьовсал соьга хIун дало — боху цо. Россина хета вай массо а шен лаьттахь Iаш ду, вай вовше барт бохарах ша лардина, тхов кIело елла тIелаьцна ду. Цу ойланан тIаьхьалонаш гуш ю Россин социальни а, оьздангаллин а агIонашца маьттаза яьллачу юкъараллехь а, куьйгаллехь а.
Оьрсийн патриоташ ю шаьш бохучу Ельцина а, Черномырдина а, Шахрая а, Куликовс а, Лобовс а кхин болчара а оццул йоккха, токхе йолу и пачхьалкха демократига ялайо шаьш аьлла бух боцучу Iин йисте ялийна.
Ткъа иза цу чу кхоссарехь шайга далуш дерг деш шуьйрачу хаамийн гIирсаш бу. Россин прессас беш болу болх адамийн бIаьрса кхоло беш бу. Журналисташ харцонан уьшал чохь биссина. Ца ган йиш яц церан шалхонаш, мел кийча бу уьш ницкъ алсам болчунна хьалха палас хилла охьабуьйша.
Бакъонан кеп хIиттош, хаьа царна шайн харцо йовзийта. Церан туьйранаш чаккхе йоцуш ду. Ткъа уьш кхолларехь царна гIо деш ю тIеман а, политически а элита.
Ткъа Ельцин цу хьолехь оьрсийн туьйранера колобок санна хахкавелла воьдуш ву ичкерийцийн берзан бага ца ваха. И керчина воьду некъ мича боьду хууш дац, иза Iиттало и колобок ян а йина, еттина ара хецначара хIиттийначу дIовше механашна тIе.
Цул тIаьхьа ма-дарра долчу хьолаца ца догIу маьхьарий хеза. Кхолладеллачу хьолехь берриге а тIеман ницкъ а, Россин Федерацин нуьцкъаллин структураш а бехк а, гуьнахь а доцучу Нохчийчоьнна коча йогIу, «пекъар колобок» лазоран бахьанаш дIадаха.
Политикин машанаша лацанза болчу бахархойн кхетамана чудиллина малх санна цIеначу колобокан дегIатIехь мел хилла даI иза «барзо» ка еттаран бахьана ду. Ишта кхуллуш ду нохчо мостагIчун васт. Сепаратизм, терроризм, исламски фундаментализм, нохчийн лар, аккха къам — цу билгалонашца довзуьйтуш ду вайн къам Россис шен халкъана.

Вайн бехк цу хьолехь цхьаъ бен бац! Цхьаьна кийрахь ши цIий ца тарлуш санна, вай а цу пачхьалкхаца тарлур дац! Вайн къам кхуллуш, цуьнца кийрахь кхоьллина бу вайн маршоне болу лаам, вай цкъа а ца хилла цхьамоо тIехь олалла деш, цундела вайга лалур яц къизалла а. Массо а Дала кхоьллина адамаш ду вай. Бакъонаш цхьаъ елахь а, амма къаьсташ ду вай.
Вайн Нохчийчоьхь тIаьхьарчу хенахь воккха стаг къаночух а ца къастало. Баккхий нахе ларам бу вайн а, амма диц дан мегар дац къена хилар а, кхетам лаккхара хилар а цхьаъ доцийла.

Лай а, элий а хиллачу Россина хала ду вайн маьрша ойлананех кхета, амма цунна хаьа деза, хIара дуьне дилличхьана шена тIехь цхьаьнга а олалла ца дайтина йолу Нохчийчоь маршоне кхийдар юй.
«Колобоках» дерг юха а олуш, билгалдаьккхира иза мичча а карчахь а, шех яьлла гIур яц. Ша дерриге а заманан йохалла дIанислур ду. Оьрсийн халкъ а мацца цIанделла а цIанлур ду турпалхой ю бохучу йовсарех, ткъа хIетахь бен йиш хир яц цуьнан кхечу къаьмнашна масала гайта.
Оьрсийн санна муьлхачу а къоман бакъо ю шен Iер-дахар хила а, шен мотт хила а, культура хила а, дин лело а, истори йовза а.
Россин цхьаболчу политикин цу имперски ойланаша шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула харцонца хьулъеш ю Нохчийчоь.
Стенна тIехула доладелла вайн къам хьийзор? Стенна кхуллуш ду маьрша нах байа а, гIаланаш йохо а бакъо луш долу конституционни законаш? Нохчийчоь а, цуьнан бахархой а шен долахь хетта йолу Росси са мел кхоьллинчу хIуманан нана хила гIерташ ю, оцу кепара царна тIехь олалла дан шена бакъо а йоккхуш. Цу дерригено а талхош ду гонахара хьал. Вайна ца гуш мас-малик ца диссира машар бе бохуш кхайкхамаш беш долу, амма цуьнца нийсса Нохчийчоьнна тIелетара сийлахь йоккхачу пачхьалкхан тIеман и берриге а ницкъ а, къар бала ца туьгучу нохчащца болу и цабезам а. Россига ла ца ло сел жима и къам шега гора ца хIоттадалар. Цундела уьш чухьовдура кхуза политически дивидендаш яха.

Хийла цIий хьуйдина и нохчийн латта боккъалла а дезаш, цунах шайн синош дIадала арабевлларш, хIетахь майраллица летта болу нохчийн бIаьхой бара. Ас ца буьйцу террористаш а, зуламхой а. Уьш Нохчийчоь ца йохош а хIаллак бан мегар хиллера.
Цу боьхачу пропагандас тилийна дуьненан юкъаралла а.
Россис ша кхоьллина вайн республикехь цу чаккхе йоцучу тIемийн плацдарм, вайн къам гора хIотто, вайна юкъара дукхачарех пайда а эцна.
Амма вайн къам цкъа а хIуттур долуш дац гора. Цуьнан тоьшалла ду дахарах маршо ца хийцина болу нохчийн турпалхой а. Кхузахь юьйцург синмаршо а ю. Нохчий даима а бу маьрша хилла, ткъа карарчу хенахь и маршо яханчу хенахь йиссина вайна. Цуьнга болу сатийсам — иза дерзо молха карор доцу лазар ду. Кхузахь цхьа некъ бу — маршонан юьхье юхаерзар, доттагIаллин юкъаметтигаш а ца йохош, имперски гураш дIадахар.
Дала муьлха а бала боссабарах, иза бакъ болчеран агIонехь ву, амма Дела а, Иблис а къаьсташ ши кхетам бу.
ХIай, нохчий! Дала дукха баланаш боссийна вай, дукха зийна вай, амма вайн шех болу тешам, шех кхерар, ше къинхетаме сатийсар гуш и баланаш лан собар а, ницкъ а белла цо вайна. Амма хIинца Цо цхьаьна ханна дитина вай ваьш вайн дегнаш чудаьллачу иблисаца. И иблис вай дIаттатахь, ткъа Дала вайна юха а гIо дийр ду, юха а къинхетам а, шен ницкъ а боссор бу.

Аса тешалла до цо доккхачу ниIмате ца кхачо а мега вай, амма Далла герга хир ду вай, дегнаш цIанлур ду. Цу иблисана тIехь толам вай ца баккхахь, вай юха а боккхачу баланан кара доьлхуш, Делан оьгIазлонах девр дац. Оццул дукхозза Дала зийна долу вай хIинца къинойх цIанделла, Цунна дуьхьал хIотта кечам беш хила деза.
Амма Эхарте кхача сихдала а ца оьшу. Цо ша кхойкхур ду вай, я цхьа а тIаьхьа а вуьссур вац. Делан къинхетамца дIабели хIара неIалт хилла тIом. ХIинца вай чIир леха а ца гIерташ, керла дахар кхолла хьовса деза. Вайн массо а ният цIена хила деза. ЦIеначу ойланаш бен валор вац дикане.
Диканах цкъа а дог ма дилла! Цкъа а диц ма де вай хьал долу истори а йолуш, шира къам хилар. Вайн бакъо ю кхин долчу къаьмнийн санна маьрша Iер-дахар хила. ХIара мохк кхуллуш, кхоьллина ду вай. Цундела цхьаьнан а бакъо яц вайгара нохчийн латта даккха. Вай хIаллак деш ду вайн Даймехкан шатайпалла бахьана долуш, вайгара истори ю лачкъош, вайгара культура ю дIайоккхуш.
Накъостий! Вайна тIехь динарг а, хIинца дан гIертарг а иза ойла йина ца валлал инзаре хIума ду. Сема хилалаш! Оьзда хилалаш! Вайна юкъахь дукха бу вайн маттахь а луьйш, амма вайн дика амалш бехъеш берш. Ларлошаш! ХIораммо а шегахь ницкъ лаха беза дуьненан хIуманах возуш ца хила. Дела вайца ву шуна, цо вайна гIо а дийр ду. ТIом сацарах иза хIинца а дIабаьлла бац шуна, цуьнан тIаьхьалонаша кечъеш керла кхачамбацарш ю шуна. Со шуна хьехам бан араваьлла вац, ас сайн дагчохь IаьIнарг ду дуьйцуш. Вайца бинарг тIом хилла ца Iара — иза вайн Даймехкан дегIатIехь даьржина даI ду. Дукха нах бу шуна Нохчийчоьнан ма-дарра васт къайладахьа гIерташ. Дукха ницкъаш тIехьажийна шуна, вайна бакъ дерг ца гайта. Россина лаьа вай тешо, ша къинхетам бина, серлоне далийна аккха къам хиларах. Ткъа вайн историкаш-этнологаш вайга Кавказан тIом болчу хенахь, вайн хьаннаш хIаллак ярах лаьцна бен дуьйцуш бац.
Кавказан тIом хьаххийначуьра, билгалдаккха лаьара суна Россин Нохчийчоьнца йолу юкъаметтиг шен политически хIоттам хийцабаларах хийцалуш яц цкъа а. Дуьненчохь дукха ю колонизаторски политика лелош йолу пачхьалкхаш, дуьненчохь тIемаш а хилла дукха, кхин хир а ду, амма заманан йохалла Iедал хийцаделча, политически хьежамаш а хийцало, колонизировать дина хилла кегий къаьмнаш маьрша довлу. Цуьнан масалаш дукха ду. Схьаоьцур вай фашистски Германи. Гитлеран муьрехь итт-шийтта шарахь цара Iаламат дукха адам хIаллак дина, амма Гитлер вала а велла, Iедал хийцаделча, фашизмана тIехь толам баьккхина, иза йоьжча, Германин кхин пачхьалкхан хIоттам хилла.
Карарчу хенахь, иза адамийн бакъонаш ларъеш, маьрша пачхьалкха ю, цул совнаха цара хIинца а дIалуш компенсациш а ду шайн къоман политикас мацах къизалла тIехь латтийна хиллачу жуьгташна. Францис хийла тIехь олалла дина, къизалла латтийна ю Алжир, амма карарчу хенахь Алжир маьрша пачхьалкха ю, цуьнан къомара нах Францехь а беха цхьаммо а новкъарло а ца еш.
ХIара дуьне хьийзаш ду, зама хийцалуш ю, хийцам боцуш цхьа хIума дац кху дуьненчохь дуьссуш, Россин Нохчийчоьнца болу цабезам бен. Хьалхара Петр, ШолгIа Александр, Сийлахь Екатерина, Хьалхара Николай, Ленин, Сталин, тахана куьйгаллехь волу Ельцин а — бIешарашкара схьайогIуш йолу церан политика къаьсташ хилла, уьш куьйгаллехь болу хан-зама а къаьсташ хилла, амма Нохчийчоь къаръян лаам массеран а цхьаъ хилла церан, хIетахь дуьйна цаьрга и къар луш а яц.
Хийцаделларг вайна тIедетташ долу герз ду, амма тIом бац хийцалуш. ХIетахь Iенаш хиллачу ярташкахь Iенаш дара тахана а нохчийн цIий, хIетахь вайн къоман турпалхой мостагIашна дуьхьал летта долчу лаьмнашкахь бара тахана а дIабоьдуш тIом. Иза дага ца догIу цхьанна а. Цунна тIеберзо безаш бара вайн историкаша шайн тидам. Со ца гIерта вайн историкийн Iилманан хаарш кIезиг ду ала. Амма шен хенахь церан шортта аьттонаш бара вайн историн кIоргене кховда. Суна ца хаьа стенна луш хилла царна Iилманехь кхиамаш бахарна совгIаташ. Цигара, лакхтIера хилла хир ду-кх иза ша дерриге а, вайна баланаш охьаоьхучу лакх тIера. Амма хIете а цхьаммо а новкъарло еш дацара Нохчийчоьхь ислам берхIиттолгIачу бIешеран чаккхенехь бен даьржина дац бохуш, историкаша дуьйцучунна. Соьца массо а реза хир ву аьлла хета суна нохчий цкъа а керста ца хилла ас аьлча. Бусулба дин вайн дайшка, иза доьссина дукха хан ялале деана ду. Нехан динна тIекхийдар, харц хаамаш баржор цхьанна а магийна дац.
Цул совнаха, сан гIайгIа йолуш цхьа хаттар ду — хIун бахьана долуш гIерта цхьаболу оьрсийн политикаш Нохчийчоьхь исламски фундаментализм ю боху хабар даржо? Цхьа бух боцуш ма дац и къамелаш. Динна тIехула тIом боло ойла ю те? Нохчийчоьхь хилла тIом ца тоьъна: Афганистанехь хилла тIом ца тоьъна? Даймехкан Сийлахь боккха тIом ца тоьъна? Iебар болуш бац тIамех?
Суна цкъа а ца хетта со башха кIоргера кхетам болуш, амма сайн динах лаьцна суна дукхох хаьа шина сохьтах нохчий кагбийр бу бохуш куронаш йиначарначул. Нагахь санна муьлха а стагана иза нохчо хиларна етташ хилча, делахь иза шен истори а, мотт а, орам а, дин а долуш хиларна вийна дIаваккха везаш ву? Я оьрсийчун ницкъ дукхох хилча цуьнан бакъо ю къизалла гайта? Амма дегIан ницкъ иза ницкъ бац. Ницкъ иза син-оьздангаллех лаьтта, Делах тешарах лаьтта, адамаллех лаьтта. Кху дуьненчохь шен маьIна а долуш, цхьаьна хIуманна кхоьллина ма ду вайн къам. Эрна Дала хIуммаъ ма дац кхуллуш. Асаран а ма бу шен пайда — латта дIаса ца даржийта кхоьллина и Дала. Ницкъ совнаха бара аьлла вай хIаллак дан бакъо ма яц цхьаьнна а.
Адамаш адамийн бакъонашка хьаьжжина даха дезаш дац? Я хIара ша дерриге а дийнатийн дуьне ду? Историс гойту вайна и тайпа къизаллаш дукхозза а йитина меттигаш, адам Делера ду, ткъа Дела геч деш ву бохуш. Амма хIете а кегийра къаьмнийн иэс доккха ду. Вайн къомана а дагахь лаьттар ду ша дерриге а, хIунда аьлча иза доьлла чаккхе йоцучу тIамех, цундела цуьнан кхетам а, ницкъ а дахчийна, ткъа цунна тIехь гIело лаьтташ йолу пачхьалкха и къам мел дойу, ша а елла дIайолу. Цкъа а дицдан мегар дац Дала геч дарца нийсса, кхел а еш хилар. Адамаша кхоьллина вац Дела, Дала кхоьллина ду адамаш. Шена чохь лаха деза гIалаташ а, шега хьажа веза уггаре а хьалха.
ХIун цIе йиссина вайна ца туьллуш? Зуламхой, халкъан мостагIий, аккха нах, ткъа вайна и цIерш тоьхкуш берш шаьш шо шаре мел долу дикох ца хилира, церан ирча амалш хийца ца елира. Иза ду аксиоматически меттан масала. Вайна и ирча цIерш а тохкуш, ткъа шаьш Федерацин Совет, Кхерамазаллин Совет, федеральни органаш, Конституционни суд, парламент ю бохуш, бакъо йоккху цара вайна тIехь гIело латто.

Вай къасто еза колониальни политика конституционни низамах. 19-чу бIешерахь Россига Нохчийчоь герзаца къар ца елла. Амма юха а кхолламо кхин а къиззачу къиссамехь цхьаьна туху и шиъ. Россина юха а лаьа нохчашна тIехь олалла деш, цуьнан культура, истори хIаллак йина, йожо. Сатийсамо Iехийначу Нохчийчоьна шен Iаламан а, син-оьздангаллин а йист йоцучу сурсатех пайда а оьцуш, сацам бо шен социальни маршо яккха.
Цундела оьшуш дацара федеральни, татарски, башкирски договораш бохучу хIуманех теша. Маршо ю я яц. Кхин хаттар хуьлийла дацара кхузахь.
Шуьйрачу хаамийн гIирсашах дерг юха а олуш, билгалдаккха лаьа, царна тIехьа лаьтташ Россин нуьцкъаллин структураш хилар. Иза Россин кхин цхьа герз ду — адаман кхетамна тIехь ницкъ латтош долу герз. Нана йоккхачу Россехь муьлха а тата далахь, цара лоьху «нохчийн лар». Ткъа шаьш цIеяххана евзаш йолу «Прощание славянки» марш а локхуш дерриге а дуьне нохчий байа гIатто гIерта. Иза ю и цхьаьна агIор колониальни политикин шуьйра яьржина кеп, ткъа кхин агIор дерриге а дуьне нохчашна гатдан бахьана а, уьш набахтешкахь хьийзо, цаьргара бахам дIабаккха, царна массо а некъаш дехка.
ТIеман хенахь царна дегаза ца хетара беллачийн декъий дохка а, царна хаьара нохчашна шайн стаг дийна верг а, велларг а цхьатерра веза вуй. Нохчий хьийзо шайн хирг деш бара лулара кавказхой а, оцу кепара шайн сий дойуш. Амма вайна цкъа а дицлур дац вайна дина дика а вуо. Диначу диканна диканца бекхам бийр бу вай, ткъа вуо динарш Делан кхеле лур бу.
Ишта даима а хилла, иштта хир а ду. Хилозза вайн къомана тIехIоьттина хиллачу киртига Iамийна вайн къам Кавказан «вошалла» гайта а. Цхьа зама яра лулахочун етт белча а кадаме воьдуш, амма хIинца халахеташ делахь а гуш ду лулахочу мостагIа хуьлуш а, вешех лулахо хуьлуш а.
ХIуммаъ йорах ца кхаьчна вайга Россин «цивилизаци». ХIинца ша дерриге а доьзна ду муха хир ду вайн дендадар, вайн юхаметтахIоттар.
Уггаре а хьалха вай юхаерзо еза, ницкъаца вайгара дIаяьккхина истори. Истори ца хилча къам хир дац. Вайн культура яйча бен довр дац вай доьза. Ткъа иза вайн ю, вай цунах дозалла дан а деза. Нагахь санна вайн къам акха хиллехь, иза цкъа а хир дацара Дедах тешаш. Ас и ша дерриге дукха дуьйцуш хета тарло, амма суна хетарехь иштачу ойланаша хьийзош сан дуккха а махкахой бу.

Вайна цкъа а дицлур дац муха гайтира дерриге а дуьненна телевизорчухула Россин Президент Ельцин Нохчийчу а веана нохчий бай шен саьлтийн дегнаш ира-кара хIиттор. Иза церан истори ю. Амма вай истори вай хIаллак даран гIо лаьцна хила ца еза. Россин пачхьалкхан хьашташца цкъа а догIуш ца хилла цо ницкъаца шех схьатоьхначу къаьмнийн хьашташ. Ткъа Россин шен халкъ даима а хилла цхьа а бакъо йоцуш, миска дахар текхош.
Дала мукъ лахь кеста духур ду и нохчо мостагIчу кхоьллина харц васт. Амма и дохале, вайн къоман хийла хIума лан дезар ду. Ельцинна а, цуьнан «доьзална» а таханлерачу дийнахь дуьненна хьалха кхерамазалла оьшу шаьш диначу зуламна. Шаьш динарг бакъ дан гIерташ муьлха а хIума дан кийча бу уьш. Хала ду вайна, хIунда аьлча вай дицдеш ду вайн дайн и сийлахь Iадаташ. Дин декъалуш ду. Iадате диллича хьешал деза хIума ца хилла. Вайн дайша хьешана луш хилла уггаре а тоьлла кхача. Дага яийта и ирча хан федеральни эскарша блокпосташкахь бехк боцуш дIалоьцуш хилла вайн кегий нах, юха фильтрационни набахтешкахь царна тIехь латтош хилла Iазап. Гергарчу наха дукха ахча а луш дийна берш а, белларш схьа муха бохура цигара. Муха леш бара вайн кегий нах цу набахтешкахь. Амма вай тахана цу мостагIех тарбала ца беза. Иза ю вайна тIехьарчийна йолчу терроран цхьа кеп.
Ткъа хIинца хIун ду? Вайн къомана юкъахь вайн республикин хьеший лечкъош нах баьржина. Нах лечкъош бу царех ахча даккха. Цул сийсаза, цул ирча хIума хун хир ду? Мича кхочур ду вай ишта лелахь?
Вайн культура, ламасташ, Iадаташ довш ду. Селхана вайна нуьцкъала коча юьллуш социализм яра, ткъа цул тIаьхьа конституционни низам бара. Ткъа тахана радикальни исламизм, фундаментализм, ваххабизм ю тIехьерчош, нуьцкъала Iаьрбой хила бохуш.

Вай гIеметта а хIиттина цхьа барт болу къам хир ду вай нохчалла ларъяхь, вай Iадат лардахь.
Со дуьхьал вац Сийлахь дезачу КъорIанна. Амма со дуьхьал ву нохчех Iаьрбой хиларна. Нохчийн Iадат цкъа а хилла дац исламан лехамашца ца догIуш. Бусулба дин дуьненчу а доссале хилла и нохчийн Iадат тховса а деха, бусулба динца догIуш. Бусулба дина Дела цхьаъ вар доссийна вайн къоман кийра, амма цуьнан сирла ламасташ хIара дуьне дилличхьана хилла ду. Вай тховса тарбала гIертачу Iаьрбойн Iадаташ бусулба дин доссале инзаре ирча хилла ду, бусулба дина а, Пайхамара а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) деана ду царна цIена гIиллакхаш.
Iаьрбойшна юкъахь а ма бу керстанаш, иза дицдан мегар ма дац.
Дуьненчуьра цхьаьна а динан бакъо яц нуьцкъала кхин йолу юкъаралла шена тIеерзо гIерта.
Нохчийн доьзалшкахь даима а хилла кегийрчарна тIехь терго яр. Ткъа карарчу хенахь цунах доззала дойла яц вайн. Дукха нахана ца хаьа шен чуьра жима стаг хIун лелош ву.
Хьоме махкахой! Терго яйша шайн доьзалийн! Терго яйша уьш син-оьздангаллехь кхетош-кхиоран, ойла яйша церан кханенан. Кху чолхечу заманахь дешна ца хилча шун берийн аьтто хир бац когаш тIе хIотта. Къолам эцийта цаьрга кара герзан метта.
ТIом дIабаьлла. Вай хIинца вайн къоман кхане кхолла еза, Конституци а, Закон а долу пачхьалкха кхолла еза. Нагахь санна вай и ца дахь, кхана вай юха а бала боьхур бу вайна тIе. Цунна масала дало гена кховда а ца веза. Имам Шемал дагавоуьйтур вай — шен махкахоша Суьйли махкара эккхийна хилла волу. Вайн дайша иза тIе а лаьцна, цуьнан сий дина, иза стигал кхаччалц айавинера. Цо ткъе пхе шарахь къизачу тIеман некъатIехула дигнера вайн къам, ткъа юха шена оццул муьтIахь хиллачу нохчийн наибашна а, мурдашна а ямарт а хилла мостагIашна тIевахара иза.
Ткъа цигахь паччахьера совгIаташ а оьцуш, Калужски областехь ша йиссина хан паргIат яьккхира, шен гергарчийн гуонехь. ХIунда лоцу вай тIе вайна бала бохьуш вогIуш верг, оццул дукха яьхь йолу баьччанаш нохчашна юкъахь боллушшехь?
Дерриге а къомо массара а цхьаъ санна реза хуьлуш, хаьржина Президент ву вайн тахана Масхадов Аслан. Цунна гIо дан хьажа дезара вай массо а, вайна юкъара барт цхьаьнга а ца бохабойтуш. Дуьненюкъара бакъонашца, цивилизацин лехамашца йогIуш пачхьалкха вай тахана ца кхоллахь, вайна юха а оьрсишца тIом бала таро ю, ткъа кхин а доьхнарг ду иза динна тIехула балахь. И тIом балийта лууш дукха ницкъаш а бу. Сема хилалаш! Шаьш а шайн гергара нах а Iеха ма байталаш цхьаьнга а. Ларъелаш вайн тахане, кхане йоцуш вай ца диссийта.
Тахана вайн республикехь даьржинчу зулама ког хецна шуна. ДIасахьовса! Хи санна доьдуш наркотикийн йохкар-эцар ду, нах бу лечкъош — вайн республикера а, иштта лулара хьеший а. Вайна букъ тоьхна дуьненан юкъараллас, шаьш и лазар вайна даржийна доллушшехь.
Тховса вайн къома а, вайн президента цу зуламца болу къиссам чIагI ца бахь, боккхачу балане кхача мегаш ду вай.
Кхин цхьа хIума а дара сан ала. Оьрсишна юкъахь а, вайна юкъахь а хIинца а цхьаберш Iабанза болчу тера ду тIамах. Иштачарна пайда бу цунах хуьлуш. Вай герзан ницкъаца ма ца баьккхина Россина тIехь толам. Иза кхетта ша нийса агIо лаьцна ца хиларах, ткъа хIинца ондда кечам беш ю керлачу тIамна, и тIом цо вайн куьйга дIа а болабойтур бу.

Авантюристаш дIасабовдур бу, ткъа юха а бомбанаш вайн гIаланашна, ярташна тIееттар ю, юха а леш дерг нохчийн адам хир ду, амма хир бац цу боьха политикех киса дуьзнарш-м. Юха а доьху шуьга, махкахой, сема хилалаш! Дала Iалашдойла шу! Иман-беркат ма эшадойла шун хIусамашкахь! — оцу дешнашца шен чулацаме къамел дIа а дерзош, аравелира студичуьра ИбрахIим. Шега хьоьжуш хиллачу Iисайца цIавахара иза.

VII

ЦIахь цуьнга хьоьжуш хьеший бара — Iисайн йиша Айзази а, ИбрахIиман лулахой Анна а, Петр а, церан кIант Борис а. Хьавас иза чоьхьа воллушшехь гIайгIане хаьттира:
— Сий доцу нах оьгIаз бохуьйтур болу къамел дара-кх ахь динарг! Хьайн доьзалан ойла ца йо-кх ахь. ХIара зама кхераме хилар гуш вац те хьо?
Цуьнан къамелана юкъаиккхира Петр Сергеевич
— Иза-м и дара, ткъа сан накъост хIуммаъ ца товш вацара телевизорчухула гуш. Дер веза хьо политически обозреватель цига балха хIотта.
Уьш бехха Iийра, хан тIехтиллалц, чай а молуш, цхьацца къамелаш а деш. Iиса шен йишийца цIа вахара, ткъа Борис Исламаца кино хьожуш ша витахьара аш аьлла де-нене дехара а дина ИбрахIимгIаьргахь виссира. Ши кIант чIогIа тIера вара вовшашна. Иза хуучу дас-нанас новкъарло а ца йора кху шатайпа заманахь тассаделлачу церан доттагIаллина.
Кертара ара волуш ша новкъавоккхучу ИбрахIиме Петра элира:
— Боккъалла а, варийлахь, ИбрахIим… тахана ахь дина къамел дукхачарна хазахетар дац хьуна… ца оьшу бала ма беха хьайна тIе.
— Петр, со лууш вацара цига ваха! Амма кхин къамел сан дойла яцара. Администрацин куьйгалхочо дехара дира хьехархошка а, берийн дай-наношка а, амма цхьа а реза ца хилира… тIаккха со вахара… ишта нисдели-кх… хьуна цу къамелехь цхьа вас хиллехь къинтIера а вала суна.
— Ахь хIун дуьйцу, ИбрахIим… со вац ас вуьйцург… вайна юххехь яьржина боьхала ца го хьуна, бахьана лоьхуш Iаш, ткъа хьан кIант ву кхууьш.
— Хьажахь хIун дуьйцуш ву! КIант ву кхууьш тов… дала тIе ма кхачадойла и санна дерг. Петр, кхин ма алалахь и санна дерг — кхераелира Анна.
— Собар дехьа, къамелана юкъа а ца лелхаш, — оьгIаз вахара зудчунна Петр — ас буьйцурш кхузара зуламхой хилла ца Iа… Россехь а реза ца хила мега. Ткъа Ислам деша хIотта везаш а ву, дуьне даа дезаш а ву… боьха хIумнаш шортта йолу дела сагатдеш бахар ас-м, — элира Петра.
Наб кхеташ яцара ИбрахIимана. Хьавас элира цуьнга:
— Ислама дIаяздира хьан къамел… кхана кассете хьажа. Айхьа ладоьгIча мукъне а кхетара вацара те хьо айхьа хIун дийцина цигахь?
— Вай да висса цуьнан! ХIун дийцина ас? Я харц вара со? Витийша со, — оьгIазвахара ИбрахIим.
Борис а, Ислам а хIинца а вижанза вара. ИбрахIиман дагчу гIайгIа йоьссира. Исламан кханенах ойла еш, наб озийначу цунна, тамашийна гIан гира.
Хи йистехь Iаш хуьлура ИбрахIим. Чуьра массо а тIулг гуш, цIена дара и хи. ЦIеххьана цуьнан бIаьрг кхета Ольгех… кIайн коч а юьйхина, меллаша хи чу йолу иза. Цуьнан кочахь ИбрахIимана гуш ду ша делла хиллачу соьман ах. Цунна го иза цIеначу хи чохь луьйчуш, ткъа юха и сом цуьнан кочара охьа а хаьдда, хи чохь дIадов. Ольгас лоьху и, каро гIерта и, амма иза эрна хуьлу…
Iуьйранна иза самаваьккхира Хьавас:
— ХьалагIатта хьан да веана вайга юьртара. Иза реза вац ахь селхана динчу къамелана, Ислам ша юьрта дIавуьгур ву боху цо.
— Ма чIогIа кхеравелла-кх шу массо а! ХIинца бага гIатто а йиш яц сан? ДIавогIу со хIинца… собар дехь — ИбрахIим бур-бур деш кечвала волавелира аравала.

Заурбек кухни чохь, чай молуш Iаш вара ИбрахIима шега Iуьйре дика йича.
— Iуьйре дика хуьлу хенаш дIаевлла вайна, сан кIант! Хьан дагчохь долчунах кхета-м кхетара со, амма хIете а жимма а хьайн доьзалан ойла ца йира ахь и къамел айхьа деш? Нах кхето араваьлла хьо! Шаьш кхета мегаш бац уьш? Ахь кхето безаш бу? Хьо санна майра, майра-м хаац, хьо санна Iовдал кхин цхьа а вацара цига охьахаъван?
ИбрахIим вуо лелла, жима бер санна корта охьа а бахийтина лаьттара. Цкъа а дена дуьхьал дош аьлла вацара иза.
— Селхана, со волчохь хьошалгIахь вара, сан шича кIант Осмин Билал а, цуьнан кIант Ислам а, — кхин дIа шен къамел дора Заурбека. Цо а бохура ахь гIуллакх доцург дукха дийцина. Соьга хьо дикка човхаве аьлла дIавахара иза. ТIамехь ког боцуш виссина хьо… заIаьп стаг ву хьо
— Дада! Цу тIамехь цхьаьна хIусамера масех стаг велларш а
букх, — да кхето гIоьртира ИбрахIим.
— Вай Дала декъал бойла уьш! Ас хIинца буьйцурш уьш ма бац… хьо ву. Хьайн балхара отпуск а эций, сихонца хьайн доьзалца юьрта дIагIо. Ислам а, Лиза а ас тахана сайца дIадуьгуш ду. Царна школа цигахь а ю. Шуьшинна а цигахь болх карор бу — гуш дара Заурбек шен дош юхаэца дагахь воций…
Ков дара детташ. ИбрахIим аравелира. Хабибулаев Эдалбек веанера ИбрахIим волчу. Маршалла а хаьттина, Заурбека динарг санна къамел дан волавелира Эдалбек. Цо дийцира ИбрахIиме Iуьйранна шега Масхадов Аслана ша телефон а тоьхна элира и тайпа къамел стенна дайтина ИбрахIиме аьлла.
— Россин а, Нохчийчоьнан а юкъаметтигаш нислучу хенахь и тайпа хIума дийца мегар дац. Цул совнаха, ваххабисташ а бу хIинцале реза боцуш, — дуьйцура Эдалбека.
— Ас хьо и къамел де аьлла вахийтина ма вацара цига. Халла и хан яьккхинера ас телевиденехь, школера белхалошкара цхьаъ дай-наношка вистхилийта берийн дешаран терго е аьлла.
— Эдалбек! Вайшиъ вевза дукха хан ю. Хьуна ма хаьа соьгахь шалхонаш йоций. Ас харц дерг элира? Цхьа дош мукъне а харц дарий сан цигахь? ТIаккха соьга а ца олуш, Масхадов я, цуьнан зуда Кусами я, Радуев я, Удугов, Закаев, Басаев, Ахмадов кхайкха везаш хиллера-кх ахь цига, — элира ИбрахIима реза воцуш, Iаса шен протезах а етташ.
— Хьо сиха ву! Собар дехьа! Хьан къамелана реза хилла цхьа стаг ву хьуна Закаев Ахьмад. Хьо ган лууш а ву. Шуьшиъ вевзаш а ву моьтту суна вуй? Амма ларлуш хилалахь… со и гIуллакх дIадерзо хьожур ву. Юьрта дIавахча дика хир дацара хьо? — хаьттира Эдалбека!
— Со цхьанхьа а гIур вац кхузара ког баьккхина! Дас дIадуьгуш ду бераш. Соьга а дIавола боху цо, амма иза бертавало хьожур ву со.
— Вай, Заурбек кхузахь ву хIунда ца элира ахь? Суна дукха хан ма ю и ганза, — хазахетарца чоьхьавелира Эдалбек.
Заурбеке могуш-паргIат а хаьттина, дукха ца Iаш, дIавахара иза.
ИбрахIим да бертавало гIоьртира, амма Заурбекан къамел доцца дара:
— Ши де далале хьайн зудчуьнца юьртахь хир ву хьо!
Школехь белхан накъосташа дегайовхонца тIелецира ИбрахIим. Ткъа уггаре а доккха совгIат дешархоша аьлларг дара:
— Ибрагим Заурбекович, тхуна хьо телевизорчухула гира. Мел дика дара ахь дина къамел. Цхьаболчарна иза хаза ца хета, амма оха хьоьх дозалла до. Наха-м хьуна цунах ахча делла а боху, тхо ца теша хьуна царех…
Берашка ладугIуш, ИбрахIим кхетара шен и къамел уггаре а хьалха царна оьшуш хиллий. Царех дукхох берш цунах нийса а кхетта. Ткъа цунна кхин хIумма а дацара оьшуш. Цуьнан Iалашо сица могуш тIаьхье кхиор ю. сийсара дуьйна доьхна хилла дог, бераша ира-кара хIоттийра цуьнан.
Берашца хилла цхьаьнакхетар дара уггаре а чулацаме. Цара тоьшалла а дира ИбрахIим нийсачу некъа тIехь хиларан.

VIII

Берашца школехь болх беш, ИбрахIима шен дерриге а дахар дIакховдийнера царна, хаарийн дуьненан неIарш доггах берашна дIа а йоьллуш. Цо сих-сиха дуьйцура цаьрга шен хьехархошах а, накъостех а, эскарехь хиллачу дахарах а лаьцна.
Муха хир ю те церан кхане? Царех хIоранан а Дала хIинцале билгалбина кхоллам бу. Ца хаьа муха зуьйр бу уьш дахаро, амма церан дегнашкахь беха сирла сатийсам. ИбрахIиман тIедилларца хьехархоша лаккхарчу классийн дешархошка хаттар деллера школа яьккхича муьлха корматалла хоржур ю цара аьлла. Цхьа бIе ткъех дешархочунна юкъара тIеман гIуллакхехь хила лууш шиъ бен вацара, кхин дIа берш адвокаташ, лоьраш, хьехархой хила лууш бара.
Оццул дукха бераша лоьран корматалла хоржуш хилар йоккха дегайовхо яра. ТIеман къаьхьо Iевшиначу берийн дегнашкахь къинхетам бара, царна лаьара цомгуш адамашна дарба дан, гIо дан. Церан цу лаамо гойтура, мел къизалла гинехь а, нохчийн къоман тIекхуьуш йолу тIаьхье шеца адамалла йолуш хилар, ткъа цундела къоман кхане сирла хир ю. Бераш кхетара герз тоха хала дац, дахар ларда халох дуй. Царна ца оьшура зулам, Iожалла, царна лаьара шайн маьрша Даймохк юхаметтахIотторехь мехала дакъа лаца.
ИбрахIимаца цхьаьна болх беш тайп-тайпана къомах нах бара. Шен хеннахь луш алапа а дацара, даьржина зулам а дара, шен чевнаш ерзо гIерташ, тиссалуш республика а яра, амма цу нехан дахаре болу безам байна бацара, догучу дегнашца беш бара цара болх, церан сирла сатийсамаш кхоло ницкъ ца хилира тIеман Iаьржачу боданан а. Маьрша адамийн дегнашкахь болчу къинхетамах а, дахаре йолчу шовкъах хаьа мегар дара цу къизачу къиссамехь толам баьккхинарг халкъ дуй, хIунда аьлча оццул къизалла а, цабезам а гиначу церан дегнех тIулгаш ца хилира, цу дегнашкара бошмаш хIинца а зазашлахь яра.
Шортта оьрсийн хьехархой а бара школехь, нохчашца нийсса тIеман бала лайна болу. ИбрахIимана хетарехь цара шайн ницкъ кхочург дора бераш Iамо а, кхето а. Цхьаболчеран санна ИбрахIиман бацара цаьрца цабезам. Иза кхетара цара гайтинарг бакъ долу доьналла хилар. Церан жималла кхин ма яра. ХIетахь царна дага а догIур дацара, бертахь, кIеда-мерза дехаш хилла ши къам сел къизачу тIеман гураша лаьцна, царна юкъахь цабезаман тIай тоссуш, доькъур дуй. ХIетахь и къона хьехархой Нохчийчу болх бан дIахьовсийнчуьра биссира кхузахь, хIара латта боккъалла а шайн Даймокх санна деза а делла. И безам цIена а хиллера, хIунда аьлча тIеман къизачу шерашкахь а уьш дIа ца бахара, нохчашца нийсса и къахьо а Iовшуш. Церан къоналла Iуьллура кху ишколан херцарш буха.
ХIара церан дахаран цхьа дакъа дара, цундела лаьара царна хIинца шаьш къаналлин бисте кхаьчча нохчийн тIаьхьенна хаарш кховдош, хIара мохк юхаметтахIотторехь шайгара мехала дакъа лаца.
Школа шолгIа доьзал хилира ИбрахIимана, цундела хала дара цунна дас бина болу сацам тIелаца. ИбрахIим кхетара иза шех сагатдеш вуй. Ткъа цо хIун дан деза? Дена дуьхьал дош ала а йиш яц, ткъа белхан накъосташка хIун эр ду? Оццул шех тешначу берашка а хIун эр ду? Ткъа и ирча гIенаш кхунна тIаьхьарчу хенахь гуш долу? Стенна йогIу цу гIенашкахь Ольга? Ма чIогIа лиънера кхунна ша дерриге а дицдан, ткъа хIинца дахарера чолхечу миноташкахь къаьсттина иза хIунда йогIу? ИбрахIим кхин цкъа а цига ваха а ма ца вахнера. Стенна тешнера иза Галинас Юрийга яздинчу кехатах? Цу ойланаша хьере винера ИбрахIим. Цо сацам бира аьхкенан каникулашкахь Хабаровске ваха. Амма хIинца цхьаъ дан деза, дега ала деза хIара дешаран шо чекхдалалц мукъне а ша гIалахь вита аьлла. ИбрахIимана дагадеара дера веза ша шеца Эдалбек а эцна ваха да волчу, хIетахь мукъне а шен дош юха оьцур дацара те цо аьлла.
ШолгIачу дийнахь Эдалбекаца вахара ИбрахIим Заурбек волчу юьрта. Заурбек халла реза хилира, амма бераш гIала дIа ца дахийтира…

Сиха тIекхечира экзаменационни хан. Дахаран экзаменах чекхбевлларш хIинца дешаран экзамен дIаяла езаш бара. ТIулга тIе тIулг а ца буьссуш йохийначу Соьлжа-ГIалина херцарш бухара даланза диссина бералла, тховса жималле шен рагI дIалуш, дIадоьдура дешархойн дахарера. Ткъа тIейогIу хан атта хир юй а ма ца хаьа Дела ша воцучунна. Дахаро хьехархочо санна гIалатана геч дийр дац, хийла бIаьрхиш Iено дезар ду, хийла де доьхна мIаьрго а йогIур ю, безам а хир бу, цабезаман къаьхьо а Iовшур ю, доттагIаллин чам а бевзар бу, мостагIчун юьхь а гур ю. Дог Iевжича, дахаро нанас санна хьостур вац, гIалат даьккхича хьехархочо санна нисвийр а вац. Цхьаъ ирсо хьостур ву, важа декъаза вала а тарло. Тайп-тайпана хир бу церан кхолламаш, ткъа тахана царех массарех а дог лозуш, церан бIаьра хьоьжу хьехархой. ТIамо бералла сел къиза хIаллак диначу церан жималла мукъне а хир яц те сирла, цIена, ирсе?
Маржа-яI жималла! Ма боккха бу хьоьгара ницкъ. Мер кIеллахь лаьтташ Iожалла хилча а кийра буьзна хуьлу дахаре болчу безамах. Жималлехь хала дац муьлха а ирхенаш яха, некъаш галморзах девллехь а, жималлина карадо, серлоне доьду муьлха а жима тача. Цундела Соьлжа-ГIалин арахецархой а бацара ирсечу гIаланашкара арахецархойх хIуммаъ а къаьсташ. Церан бIаьргашкахь йогура безаман, къинхетаман, адамаллин, сатийсаман алу. Цуо сирлайоккхура хIинца а тIеман боданах цIанъяланза йолу хIара гIала а…
…Школа товбецан (сентябрь) бутт тIекхаччалц дIакъевлира. Бераш а школехь дацара, хьехархой а дIасабахара, амма директоран а, ИбрахIиман а болх чекх ца баьллера.
Шортта гIирс бу вовшахтоха безаш тIедогIучу дешаран шарахь бераш тIеэца школин аьтто хилийта. Оьшуш басар ду, кибарчигаш ю, корийн куьйзганаш а ду. Иза ша дерриге а я эца я лаха дезаш ду. ХIора дийнахь араволу ИбрахIим а, школин директор а тайп-тайпанчу ведомствийн неIсагIе хIуьттура. ИбрахIим вевзаш хиларна а, иза тIамехь чов йина хиларна а дукхох берш реза хуьлура царна гIо дан. Керла дешаран шарна кечам беш лаккхарчу классийн дешархоша а, иштта дай-наноша а гIо дора.

1998-чу шарахь схьайиллира библиотекаш а, Суртдилларан исбаьхьаллин Музей а. Цу музейхь гайтаме далийнера яханчу заманахь йиссинчу хазаллин цинцаш. Шен чевнаш ерзо гIерта Нохчийчоь уггаре а хьалха культуре кхевдинера. Иза дика гIулч а яра.
Хьаьттан баттахь схьайиллира Нохчийн драматически театр. Иза боккха хилам бара нохчийн юкъараллин дахарехь. Йохийна, яьржийна гIали юккъехь исбаьхьаллех хьаьгначу адамашна театр, гIамаран арахь виссинчунна хин тIадам санна яра.
Дуьххьара спектакль йолалуш, вистхилира масех Iедалан белхало а, ткъа цул тIаьхьа Культурин министр, полевой командир хилла волу Закаев Ахьмад. Цо дийцира мел халонаш лан дезнера труппин театран тIом болчу хенахь. Цо къаьсттина билгалдаьккхира тIеман тIаьхьалонийн хьелашкахь театра дIалоцу меттиг къаьсттина мехала ю, цундела правительствос шен ницкъ кхочург дийр ду театр адаман син-оьздангаллин кхерч хилийта.
— Вайн театр вайн юкъараллина йоккха дегагIоз хир ю. Цо гIо дийр ду юкъараллин сакхташ дIадахарехь. ХIара театр хилла Iийр яц, хIара социальни институт хир ю — элира Закаевс.
ИбрахIим а веара Хьаваца цхьаьна театр схьайоьллучу. Закаевс дина къамел цунна чIогIа хаза а хийтира. Театр схьайоьллучохь дукха адам гулделлера. Царна массарна а спектакль хьовсарал, театр схьаелларан цхьаьнакхетар дара мехала.
«Марша вогIийла» спектакль чекхяьллачул тIаьхьа, ИбрахIимна фойечохь Закаев гира. Церан деха къамел а хилира. Закаевс ИбрахIиме балха вола элира Пачхьалкхан университете. И болх шена дикох боллушшехь ИбрахIим реза ца хилира, ша школехь оьшуш ву аьлла.

Билгалдаккха деза, алсам даьллера юккъера а, лаккхара а дешаран хьукматашка кегий нах деша хIиттар. Иза чIогIа дика а дара. Цо гойтура кегирхойша герзан метта дешар дуй хоржуш. Амма зулам заза даьккхина кхууьш дара. Меттигера нуьцкъаллин структураш цуьнца къиссам латто гIертара, амма орамца иза дIадакхха аьтто ца болура.
Чолхе хьал а кхайкхинера республикехь. Официальни хаамашца чолхе хьал кхайкхиначу хенахь зуламан тIегIа ткъе итт процентана лахделлера, зуламаш къасторан терахь шовзткъа процентана алсам даьллера. Иштта 1998-чу шеран шолгIачу эха шарна юкъахь эзар ялх бIе ткъе ткъаессана зулам хиллера республикехь, ткъа уьш къастор шовзткъе итт сов процент дара.
ДIакъевлинера пхи бIе шовзткъа уголовни гIуллакх. Республика кхиарехь хуьлу дика хийцамаш Нохчийчоьхь хилла ца Iаш, Россехь а ца гуш ца биссира. Амма хазахетаран метта, цIахь а, Россехь а оьгIазло яра. Нохчийчоьхь иза гуш дара Масхадовн дуьхьал берш жигара бовларца, ткъа Россехь тайп-тайпана шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь — газеташа яздечунца а, телевиденехь а, радиохь а политикаша дечу къамелашца а.
Республикехь хуьлучу дика хийцамашна бIаьрзе вара массо а, амма вуонаг сиха гуш дара, ткъа иза ца хилийта я дашца а, я гIуллакхца а гIо дан лууш цхьа а вацара.
Цхьанна а лууш дацара республикин дахарера хуьлу дика хийцамаш ган. Массарна а гуш дерг вуонаг бен дацара.

Ельцинна а, Масхадовна а юкъара переговорни процесс тайп-тайпанчу тIегIанан делегацийн цхьаьнакхетарийн кепе йирзира. Цу цхьаьнакхетарийн жамI хилира барт баран тайп-тайпана кехаташна куьйг яздар, амма царех цхьа а Россис кхочуш деш дацара.
Ичкери республикин дукхох болчу бахархойн цхьа а шеко яцара иза ша дерриге а Росси а, Нохчи а бертахь яха ца лууш болчара кегош хиларан. Я тIом а, я машар а боцу хьал Нохчийчоьхь латтор атта дара Россин цхьаболчу политикашна шайн пачхьалкхара кхачамбацаршна тIера тидам дIаберзорхьама.
1998-чу шарахь Масхадов Асланна тIелатар динера, иза вен Iалашонца. ХIетахь правительствон ницкъаш а, ваххабисташ герзаца тассабелира, амма и дов шен хеннахь къастийра.
Гуьмсера а, Соьлжа-ГIалара а ваххабисташ дIабахча, радикальни исламан туш хилира Хьалха-Мартанах.

Закъалтана нах бара дIалоьцуш, зулам ша ма-дарра кхуьуш дара. Амма оццул чолхе хьал республикехь доллушшехь, Россин а Нохчийчоьнан а политикаш вовшашна ка етташ боллушшехь, граждански тIом боло лаам цхьаболчеран чIагIлуш боллушшехь, республикера дахар маьрша хорше доьрзучура сецна дацара. Ткъа иза 1998-чу шеран уггаре а дика жамI дара.

ГIалгIайчоьнан коьртачу шахьарехь Несар-ГIалахь Россин премьер-министран Кириенко Сергейн Масхадов Асланца цхьаьнакхетар хилира. Масхадов цу цхьаьнакхетаре вице-премьераца Атгириев Турпал-Iелаца веара, иштта цу цхьаьнакхетарехь дакъа лоцуш бара ГIалгIайчоьнан президент Аушев Руслан а, Къилбаседа ХIирийн Республикин президент Дзасохов Александр а.

Ткъа Нохчийчуьра хьал де дийне мел долу телхаш дара. 1994-чу шеран хиламашна тIедогIуш дара ша дерриге а. Тидам ца бойла дацара хиламийн рогIаллин. 1994-чу шарахь тIом а болабелира Россин президентан харжамаш хила ах шо хьалха, и саца а бира юха а харжамийн юьххьехь. ХIинца и чIург юха хьовзийча санна, цу тIе доьдуш дара дерриге а.
Мухха делахь а, тIаьхьарчу итта шарахь Нохчийчоь Россин политически процессаш билгалъяран коьрта фактор яра. Ельцинан мур чекхболуш бара, ткъа цунна а, цуьнан политически «доьзална» иза боккха сингаттам бара. Нагахь санна Ельцинан метта цуьнан политика къобал еш воцу стаг хIоттахь, керла президента Россера экономически бохаман а, Нохчийчоьхь тIом хиларан а бехкенаш жоьпалле озо тарло.
Ельцин политик санна кхачийна хилар массарна а гуш дара. Ткъа Россин пачхьалкхан ахчанна тIегIерташ болу политикаш къона а, дукхох ницкъ а, хIилла а долуш бара. Царна ишта шайх тера хьалхаваьлларг оьшура.

Цундела бара цIе яьлча санна сиха Ельцинан метта хIутту верг лоьхуш. Бахархошна хилла ца Iаш, политически тоьлла къеггина хаарш долчарна а хала дара Россин куьйгаллехь хуьлуш долчунна тIаьхьа кхиа — Черномырдин, Кириенко, Примаков, Степашин — цIерш хийцалуш яра, Iалашоне кхочуш дацара. Хьахетарехь, я Примаков а, я Кириенко а, я Степашин а лууш бацара рогIера политически боьхачу ловзарехь дакъа лаца.
Iедал кар-кара а луш, хIоттош йолу Iалашо яра, Россин Федерацин политически хIоттам хуьйцуш, иза тоталитарни раже ялор.
Тамаша бара «къона реформатораш» реза хилахь СССР-х йиссина йезткъе исс субъектаца Россин федеративни хIоттамна. И гIуллакх шеко йоцуш, къасто дезаш дара, Нохчийчоьнах масала а далош. Нохчийчоь Кремла кхоьллинера, иза цо йинера, шен дикачу а, вуочу а агIонашца. Цуьнан сепаратизмах дуьненюкъара терроризм яра ян езаш.
ИбрахIим Хабаровск ваха кечам беш вара, амма цIеххьана цуьнан дахарехь дагахь доцучу агIор бохам хилира. Цхьаммо лачкъийна дIавигнера, юьртахь Iаш хилла волу Ислам. Денде говр эцна аренга хахкавала вахнера Ислам. КIант дIавахана масех сахьт даьлча, говр ша цIа еара. Заурбекана карийра нуьйрах диллина жима кехат: «Шун кIантана кхераме хIуммаъ дац. Иза маьрша ваккха лаахь, оха бохучуьнга ладогIа».
Иза боккха бохам бара ТасуевгIеран дерриге а тайпанна. ХIора дийнахь церан чохь гуллуш дукха адам дара — гергара нах, лулахой, ИбрахIимаца цхьаьна тIом бинарш. Заурбекана ша а, ИбрахIим а бехке хетара хиллачух, амма цкъачуна бехкенаг лоьхучохь дацара, массеран а цхьа ойла яра — мичахь лаха веза Ислам?

ИбрахIим тешна вара шен кIант лачкъийнарг милла а валахь а, ша мацца а эцна а цIийца бекхам оьцур буй. Массо а араваьллера Ислам лаха. Ерриге а республикехула нах бара дIасабахйтина, Ислам волчу меттиган муьлхха а лар каро. Заурбек а, цуьнан доьзал а бевзарш реза бара цаьрга а ца кхочуьйтуш и зуламхой хIаллак бан.
Хан йоьдура, амма цхьа а керланаш кхочуш дацара. ИбрахIима зулам диначарна чIир кхайкхира. Ткъа царна-м дIахезна хир ду ТасуевгIеран тайпанан кхелах шаьш бевр боций. ИбрахIиман гергарчу наха ерриге а республикехула дIакхайкхинера шаьш и зуламхой болу меттиг хуучарна бIе эзар доллар мах а лур бу, и хаийтиначеран цIерш йовзуьйтур а яц аьлла.
ИбрахIимана хиллачух дог лозуш мел верг вара ахчанца гIо лаца кийча. Ишта цара дIахьединера нагахь санна зуламхоша мах хIоттабахь, шаьш шайн стагахь цхьа капек лур дац аьлла.
Заманан йохаллера схьадеана нохчийн ламаст ду — йоI ядор. Амма хIета а и ядийначара КъорIанах дуй баа безаш хилла шаьш и доьзал а, гергарлонан уьйраш а кхолла дина аьлла. ХIетахь бен шина тейпанан къаноша барт беш ца хилла. Амма нагахь санна боьрша стаг лачкъийча, кхузахь къамел герзанан, шаьлтанан маттаца бен деш хилла дац.
Журналисташ я, кхин болу нах ахча даккха бахьана а хIоттийна лачкъош болчу нахана таIзар Iожалла бен хуьлийла дац.
Политикаш а, журналисташ а санна ахча даккхархьама лачкъийна вацара Ислам. Тхоьца воцург тхуна дуьхьал ву ала гайтамана лачкъийна вара. Цул совнаха оцу кепара цара гойтура шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь шайн идеологина дуьхьал вистхила кхераме хилар. Амма царна моьттург бакъ дацара. ХIинца уьш ирачу тIулгана тIеIиттабеллера. Iедалан башхалле ца хьоьжуш, ТасуевгIара цкъа а дитина дац шайна дина вуо.
Цара дечу дIахьедаршах а, республикин бахархой кхеттера зуламхой доьналла долчу нахана тIекхевдина хилар, ткъа иштачеран бекхам чIогIа хуьлу. ТасуевгIар хIу тIера массо а вала кийча вара шайна тIедеана эхь дIадоккхуш. Цара и эхь лорура. ТасуевгIара сацам бира, зуламхошна ахча лур дац аьлла, амма цара тIаьххьара сом а кхоор дац зуламхойх лаьцна муьлхха а жима а хаам шайна бовзийтиначарна.

Тейпанан къаноша республикин массо а майданехь кхайкхинера зуламхойн цхьа а биллам шаьш кхочуш бийр бац аьлла, цара шайна лаахь Ислам вууш хилахь а. Амма нагахь санна цара кхаа денна юкъахь Ислам ара ца хецахь, ТасуевгIара сацам бо и лачкъийначарна а, лачкъорехь муьлхха а дакъа лаьцначарна а чIир кхайкхо а, заманан йохалла тIаьхьарчу тIаьхьене а кхийдош и чIир леха а.
И дIахьедар диначу кхоалгIачу дийнахь Ислам цIа ваийтира. ДIадихкинчу бIаьргашца иза буьйсанна гIала а валийна дIахийцира. «Минутка» майданера такси а лаьцна Ислам юьрта веара. Заурбекан цIахь цхьа а вижна вацара, Ислама ков тоьхначу хенахь.

Ислам цIа веана бутт балале, ИбрахIим волчу цхьа стаг веара. Нагахь санна шена бIе эзар доллар ахча лахь, ша Ислам лачкъийнарш схьабуьйцур бу аьлла.
ИбрахIим цIерачаьрца дага а ваьлла, реза хилира. Массара а гIо а деш, дезткъе пхи эзар доллар ахча вовшахкхийтира церан. Цу ахчанан метта цаьргахь яра ИбрахIиман кIант лачкъийначеран цIерш. Уьш кхоъ хиллера.
Шина кIирнах, царех цхьаьнан лар карийра ИбрахIима арабаьхначу нахана.
Цу стага ша ца вейта шеца хиллачу шиннан цIерш схьайийцира. ИбрахIиме и хаам беанчо яьхна цIерш яра уьш а. ИбрахIиман наха ша шена каш а даккхийтина, цу коша йистехь тоьпаш туьйхира цунна.
Иза дIа а воьллина, кIиранна юкъахь цара хIаллак вира виссина шиъ а. Цу шиннан а дийзира шаьшинна каш даккха. Заурбекана лиъна дацара цу нехан дахар хадо, цо ИбрахIимана ца магадинера шега ца хоттуш, муьлха а сацам бан. Амма ИбрахIима шен дахарехь дуьххьара ца дира дас аьлларг. Иза Iалур вацара шен доьзалан а, тайпанан сийна тIекхевдинарг дуьненчохь ваха вита.



























                ШолгIа тIом
 
I
Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министран Нохчийчуьра юьззина бакъонаш йолу векал, инарла-майор Шпигун Геннадий лачкъийначул тIаьхьа Ичкери республикин зуламаллин сийлалла кхин а чIогIа сирла елира. Россис кхерамаш туьссура зуламхоша закъалтана лаьцнарг дIа ца хецахь, шаьш ракеташ а, бомбанаш а тухур ю бохуш. Ткъа иза дика карийна бахьана дара Нохчийчоьхь керла тIом боло.

1999-чу шеран бекарт (март) беттан 9-чохь чекхйолуш яра иза арахеца аьлла хIоттийначу ультиматутан хан.
Масхадов Аслана жоп дийхира хIун бахьана долуш МВД-с Нохчийчоьхь шен векал вина кхузахь цIий Iанош хилла волу стаг аьлла. Масхадов Аслана дийцарехь Дудаев дийна воллушшехь хIоттийначу нохчийн къоман мостагIийн спискашна юкъахь вара Шпигун, хIунда аьлча иза тIом болчу хенахь Соьлжа-ГIалин комендант хилла вара. Цо куьйгалла динера тIемалошна а, маьрша нахана а тIехь къизалла латточу набахтийн. Цул совнаха, Масхадовс дуьйцург бакъ делахь, чилланан (февраль) баттахь дуьйна цунна хууш дара инарла Шпигун лачкъо тарлой, цо иза Россин Федерацин Чоьхьарчу гIуллакхийн Министре Степашин Сергейга дIа а аьллера, амма министра инарла ларварехь цхьа а гIуллакх ца дира. Делахь, Москвахь хилла-кх и лачкъвайта лууш болу нах.

Нохчийчоьхь кхолладелла хьал, Масхадовна хетарехь Россин цхьаболчу политикаша кхоьллина дара, къаьсттина Березовски Бориса. Цара Нохчийчуьра хьал талхо уггаре а еса хIумнаш шайн гуонна юкъа а оьзна, царех республикина чуьра мостагIий бира.
— Нагахь санна политикаш тхо юха а герзан татанца кхеро гIертахь, царна моьттург бакъ дац — элира Нохчийчоьнан президента ультиматуман хьокъехь.
Россин Федерацин Чоьхьарчу гIуллакхийн министра Степашин Сергейс дIахьедира Росси а дагахь яц и тайпа шайн цIе сийсаза ен къамелаш лан аьлла. ТIаккха, хетарехь Россехь министра къастош хилла-кх машаран а, тIеман а хаттарш. Цунах цецволийла а дац. Шендоровича Iоттар ма йирра, Ельцин вижина волчуьра, Степашин волчух тера дара дара цуьнан озаца къамел деш.
Степашина тийссиначу кхерамашна тоьшалла деш, Нохчийчоьнан дозане эскар схьаоьзнера. Республикин юха а гуо лецира. Авиационни хаам а сацийра, иштта кестта дIакъовла дезаш дара аьчка некъаш а. Соьлжа-ГIалара Москва дIабахара федеральни Iедалан векалш. Важа тоба Масхадов Асланан теш биначу нехан колонна цхьаьна а йолуш автобус тIехь дIахьажийра.
Схьахетарехь, Нохчийчоьнан президент оцу кепара гайта лууш вара ша Россица гамо йолуш ца хилар. Нохчийчоьнна чуьра а, арахьара а хьал цIе лата кийча дара, ткъа и цIе ца латийта гIертара Масхадов, амма иза эрна дара.
Нохчийчоьнна луларчу кIошташкахь маьршачу адамех тIеман подразделениш кхоллар долийра. Къаьсттина, Ставрополера Курски кIоштахь чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллин белхалоша меттигера бахархошкара пхи бIе гергга дIахьедар гулдинера шаьш ларда герз эца бакъо луш долу. Иштта, Ставрополана юххера Дагестане а эскар чуоьзнера, меттигера бахархой кхерош, цара шайца даьхний а дIадуьгура. Юха а дIадолалуш дара «конституционни низам» хIоттор.
Журналистийн хаттаршна Россин Федерацин оборонин министра дIахьедира Нохчийчоьнан дозанашкара хьал галдаьлла дац аьлла. Иштта цо тIе ца дуьтура Нохчийчоьхь шолгIа тIом болор а. Цуо дечу къамелашца кхета мегар дара нохчий жимма кхерош хилар. Ткъа Степашина юьхьанцара чоьхьарчу гIуллакхийн министран, ткъа юха премьер-министран даржехь «нохчийн террористийн» Iаморан лагерашна тIе бомбанаш еттаран план хIоттийнера. Иштта цо сацам бира кхерамазаллин зона кхолла а, ткъа цу гIуллакхна Теркана йистехула Нохчийчоьнан ерриге а хьаьрма яра дIалаца езаш. Юха цхьа хан яьлча, Россин Счетни Палатин председатель ша волуш Степашина дийцира Нохчийчоьнна тIелатар 1999-чу шеран бекарг (март) баттахь дуьйна кечдеш дара аьлла. Шеко йоцуш, хIетахь тIом ца болабелира Россин Правительствон премьер-министр Примаков Евгений бахьана долуш. Цуьнан тоьшалла ду 1999-чу шеран бекарг (март) беттан 13-чохь «Коммерсант-Дейли» газетас зорбане тоьхна хилла цуьнан къамел: «Цхьа а тIеман операци а йийр йолуш яц, я Нохчийчуьра тIемалойн диверсионни школашна тIе бомбанаш а еттар йолуш яц, ша нохчийн террористаша Кремль эккхийтича бен».

Россин Правительствон куьйгаллехь ша волуш Примаковс бечу балхаца гуш дара иза Россина а, Нохчийчоьнна а юкъахь хуьлуш дерг, машарца дерзо лууш вуй. Цуьнан тоьшалла ду цо экономически декъехь Ельцинна а, Масхадовна а юкъара биначу бартана Россин финансийн министерствос йолийна «саботаж» мелла а дIаяккхар а.
Машар безаран политика бахьана долуш, цуьнан дийзира шен дарж дита. Сацам бинера цуьнан метта аьлларг дийр долуш волу кхин премьер харжа, ткъа Нохчийчоьнна тIелатар 1999-чу шеран хьаьттан-товбецан (август-сентябрь) беттанашна юхаоза. И ойла кхочуш а хилира. ХIинца къасто дезаш цхьа жима кхо кхачамбацар дара.

Цкъа делахь, цу тIеман Нохчийчоьнан агрессина дуьхьал Россис беш болчу сийлахь тIеман васт а кхуллуш, оцу кепара Россин бахархой а, дуьненан юкъаралла а шаьш долийначух тешо. Цуо аьтто лур бара тIамна дуьхьал адамаша вовшахтухуш йолу акциш ца хилийта. Хьалхарчу тIеман зеделлачух пайда а оьцуш, эскархой кхетара юкъараллин ойланехь боккха ницкъ хиларах, цундела иза шайна оьшучу хорше ерзо еза.

ШолгIа делахь, Малхбузе тешо езара Нохчийчоьхь арабевлларш маршо йоккху сепаратисташ бац, зулам даржош болу дуьненюкъара тIегIанан террористаш бу.
КхоалгIа делахь, Россера хьолана кхин дIа терго ян а, лаккхарчу тIегIанехь лаьттачу зуламхойн кхерамазалла ларъян а Iедале урхалла дан мегаш волу стаг вара хIотто везаш. Цундела Россин юкъараллин тидам дIаберзо шатайпа хьал дара кхолла дезаш махкахь.
И хаттарш къасторо Россехь хилла ца Iаш, дерриге а дуьненахь а адамийн ойла нохчашна дуьхьал йоккхуш яра.
Сепаратистски хилла республика бандитски хуьлуш яра. Ткъа хьан эр ду шен хьаьрмахь терроризмаца къиссам латточу пачхьалкхана дуьхьал дош? Цхьаммо а эр дац. Цул совнаха, и къиссам латторан некъаш муха ду царна хууш а хир дац.

Замано ма гайттара, и болх кхочуш бан дика аьтто белира шуьйра хаамийн гIирсаш бахьана долуш. Церан адам Iехорал совнаха, ПАСЕ а, ООН а Iехо аьтто белира. Нохчийн агрессораш каро хала дацара, юьхьанцара кечам беш дукха хан яйа дезаш хиллехь а. 1999-чу шеран хьаьттан (август) беттан хьалхарчу деношкахь Басаев а, Хаттаб а куьйгаллехь а волуш тIеман тобанаш Дагестанна тIелетира. Цу гIуллакхо Россин правительствон куьйгаш дIадестира. ХIинца «антитерростически операци» аьлла цIе а тиллина нохчийн къоман геноцид дIайоло мегар дара. Хаттабан а, Басаевн а тобанаш Нохчийн эскаран ницкъашна юкъайогIуш ца хилар тергал деш а дацара. Коьртаниг дара юха а тIеман чкъург дIахецар.
Коьртаниг дара и тоба новкъарло йоцуш Дагестане а яхийтина цуьнга цигахь тIеман заказ кхочуш а яйтина иза цигара кхиамца Нохчийчу цIа ерзо. Росси аьтто боцуш яцара террористийн тоба Дагестанехь хIаллак ян, амма царна лиира и таIзар цахь дан. Ишта долалуш дара политически керла ловзар.

Товбецан (сентябрь) 9-чохь Москвахь террористически акт хилира. Масех эккхаро кхо бIе адамийн дахар а, масех тIекалдина цIа а хIаллак дира. Ткъа и нах террористаш ма бацара, я нохчий а бацара, уьш оьрсий бара. ХIун бахьана долуш делла цара шайн синош дIа? — Хьомечу Даймехкан Правительствон лаам кхочуш хилийта? Мухха делахь а иза барам боцуш, йоккха къизалла яра, ткъа и лелхийтарш нохчаша дина бохург цхьаьна а кепара бух болуш хIума дацара. Иза ца дича а ирча даьккхина дара нохчийн васт, цундела хьашт доцуш шайн адам хIаллак дира Россис. Москвахь хиллачу бохамо орамца хийцира Россера политически хьал. Оьрсий инзар бевллера хиллачух, ткъа церан нохчашка болу цабезам кхин а кIоргера хилира.

КIезиг наха бара «Росси пахчьалкхахь кхолладелла хьал хецна дита дагахь яц» бохучу дешнийн ойла еш. Ткъа и ойла ян езаш ма яра! Кхузахь дагатоссу Россин цIеяххана вевзаш хиллачу философа Ключевскис аьлла и кIоргера маьIна долу дешнаш: «Суна къа хета хьоьх оьрсийн ойла а, оьрсийн халкъ а! Эзар шо даьлча а цIе йоцуш, тIаьхьало йоцуш, кхане йоцуш диссина ду хьо. Вала да воцу, бух боцу, сийсаз яьлла йоI стаг цхьаммо маре йигаре сатуьйсуш санна Iаш ду хьо, ткъа цхьаъ ца валахь, куьйг кховдийначуьнга дIаяха езаш, ткъа юха цо шена кIордийча, текхийна бехчалг санна аракхуссур ю. ХIинца массо а маьIIехь Ва Дела паччахь Iалашвелахь бохуш мохь беттачу хенахь, сан кийрара мохь цIогIа долу — Ва Дела, Iалашделахь сан миска къам а, сан миска пекъар Росси а».
Ишта болалуш бара Нохчийчуьра шолгIа тIом. Цу тIамехь дIадоьллира политикех паргIат ваьллачу Ельцинан массо а зуламаш. Ишта бара Путина шен даржах дIабелла мах. Россин Президент ша хIоьттича, Путина Ельцинна а, цуьнан «доьзална» а кхерамазалла Iалашъйира.
Буьззинчу барамехь тIом ца бан хилла Степашинан план хийцира шуьйрачу тIеман стратегис. Юха а шен болх дIаболийра Россин тIеман цу нуьцкъала машена. Масех кIира далале Теркал дехьа баьллачу мостагIийн бIона юха а гуо лецира Соьлжа-ГIалин. Юха а цхьа а новкъарло йоцуш чоьхьа делира эскар. Хьалха саннна юха а стиглахула а, лаьттахула а Нохчийчоьнна тIегIерташ бара Россис ца кхоийна шен тIеман массо а ницкъаш — Оборонин Министерство, Чоьхьарчу гIуллакхийн министерство, ОМОН, ГРУ, ФСБ.

Уьш тайп-тайпана бара — боьха а, цIена а, кечбелла а, тишачу духаршца а, къона а, гIеметтахIоьттина а, дог цIена а, кIоршаме а. Цхьа верг шен ден цIа веъча санна ког хецна вара, цхьа верг акха дIасахьоьжура, хIун Iалашо хIоьттина герз айда ша аравелла ца хууш. Церан бIаьра хьаьжча цхьа хаттар кхоллалора — мила ву хьо оьрсийн саьлти? — Монголашна дуьхьал къиссам латтийнарг, немцойн крестоносцашца къиссам латтийнарг, Казански а, Астрахански а ханство а, Сибирь а йоккхуш хилларг, Ливонски тIамехь эшам лайнарг, Крым а, Украина а, Белоруси а, Прибалтика а йоккхуш хилларг, Финляндина тIамца вахнарг, Крымски тIамехь эшнарг, Хьалхара дуьненан тIамехь а эшнарг, ваша вешина герзаца гIаттош Граждански тIом бинарг, фашизмах дуьне маьрша даккхарехь доккха дакъа диллинарг, Вьетнам маьрша яккхарехь дакъа лоцуш хилларг, СССР-н къаьмнаш нуьцкъала махкаха дохуш хиллар, Афганистан тIеман кIурлахь хьовзийнарг, Бакун а, Тбилисисин а, Вильнюсан а, Москван а майданашкахь цIий Iанийнарг, бIешерашца Кавказ къаръян гIиртинарг.
Хьо юха а, юха а вогIу Нохчийчоь цIийлахь карчо, нохчийн берийн, нанойн, баккхийчу нехан бIаьрхих ца Iебаш, церан хIусамаш яго, церан дахаран некъаш хедо, цаьргара Даймокх баккха. Ахь кхузахь гайтина а, гойтур долчу хьуьнарша алсам йоккхур юй те хьан пачхьалкхан цкъа а ца хилла сийлалла? Хьуна ца хаьа те сий долуш мостагIчух Даймохк ларбеш верг ву, цхьаьнгара Даймохк боккхуш верг вац.
Росси Нохчийчоьнна тIелеттачу хьалхара деношкахь дуьйна нохчийн Правительство шен ма-хуьллу дуьнене гIо доьхуш яра — дуьненюкъара организацишка, дуьненан юкъараллашка, хаамийн агентствошка телеграммаш яра дIасакхоьхьуьйтуш. Цу телеграммашкахь нохчийн правительствос хаам бора 1999-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан хьалхарчу деношкахь дуьйна дуьненюкъара массо а бакъо а йохош, нохчийн ярташна а, промышленни объекташна а, социальни хьукматашна а бомбанаш тIеетташ хилар а, дойучу адамийн терахь алсам долуш хилар а, иштта Нохчийчоьнан куьйгаллас Москвахь хиллачу теракташна нохчийн бехк тIебуьтуш ца хилар а. Нохчийн правительствос дерриге а дуьнене кхайкхам бора нохчийн къам Россига хIаллак ма дайта бохуш, амма дала орца дацара, гIо доьхуш бетта мохь хезаш а стаг вацара. ТIеман саьрмикан бага де дийне мел долу шорлуш яра, иза Iаба дагахь а бацара нохчийн Iеначу цIийх.
Кремла Росси Нохчийчоьна Дагестанна диначу тIелатарна жоп луш ю олура. Цунах дерриге а дуьне теша а тешнера.
1993-чу шеран Россин Федерацин Конституцин 87-чу статьян 2-гIа а, 3-гIа а пункташка хьаьжжина, нагахь санна Россин Федерацина дуьхьал тIом болалуш хилахь я, тIеман кхерам хилахь, Россин Федерацин Президента шен пачхьалкхан хьаьрмахь сихонца тIеман хьал кхайкхадо, цунах лаьцна Федерацин Совете а, Пачхьалкхан Думе а хаам а беш.
ТIеман хьал кхайкхош, Россин Президента дIакхайкхина Указ Федерацин Совета а, Пачхьалкхан Думас а тIечIагдан дезаш дара. Нагахь санна Нохчийчоьнера Россина кхерам хуьлуш хилча, хаттар кхоллало — мичахь ю дуьненюкъара бакъонан субъект а, ма-дарра аьлча суверенни пачхьалкха?
Дуьненчуьра цхьаьна а пачхьалкхас я, ша Россис а ца лерира Нохчийчоь дуьненюкъара бакъонан субъект ю аьлла, Афганистанера талибаша бен. Иза а шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь даьржинчу хабаршца а, Яндарбиевс диначу дIахьедарца а бен хууш дац. Цуьнан тоьшалла деш цхьа а кехат дац. Кхузара маьIна дан мегар ду — Россина дуьхьал агресси цхьамо а йина яц, я цхьа а дуьненюкъара бакъонан субъектера и кхерам цунна хилла а бац.

Нагахь санна Федерацин субъект санна Нохчийчоь а лоруш, Россин Конституцин 87 статья тидича дукха хаттарш кхоллало. Цкъа делахь мичахь ду «Нохчийчоьхь тIеман хьал кхайкхоран» Указ? И указ доккхуш маца дагабевлла Федерацин Советаца а, Россин Федерацин Пачхьалкхан думица а? Мичахь ду цу дагабовларан кехат а? ШолгIа делахь муха цхьаьна дозуш хуьлу Хаттабаца Басаев Дагестанна тIелатар Нохчийчьоьнан Iедала дуьйцучуьнца?

Нийса ду. Нохчийчоьхь тIом бац. Нохчийчоь Россина дуьхьал агресси еш а яц. Амма эксперташа уггаре а кIезиг а мах хадорца, кхузахь дакъа лоцуш Афганистанехьчул а дукхох эскар ду. Нохчийчоьна духьал бечу тIамехь пайда оьцуш ду ядерни диссалц кхин мел долчу герзах, цу юкъахь ду бактериологически а, химически а.

Антитеррористически операци бахьнехь таханлера тIом беш хиларах кхета хала ду. Берриге а нохчийн тIемалой иттех эзар стаг бен вац, ткъа уьш массо а Дагестане бахана а бац, цул совнаха хIетахь Басаев цхьа а пачхьалкхаллин даржехь а вац.

Нохчийчоьнан Президента Масхадов Аслана хаам бинера Кремле Басаев Дагестанна тIелата кечам беш хиларах лаьцна, цара иза тергал ца бира. Амма Масхадовх уьш ца тешнехь а, амма халкълахь иза шуьйра дуьйцуш ма дара. Базарахь хIуш духкуш йолчу йоккхачу стагана а цхьаьна хууш дара цу операцих лаьцна Масхадовс ца аьлча а. Иза иштта Дагестанехь а хууш дара. Цул совнаха массо а сатесна а вара иза хиларе, хIунда аьлча церан лаам бара федеральни Iедал доха а дина, Дагестан маьрша пачхьалкх дIакхайкхо. Цундела кхин дийцаре дан а ца оьшу — Басаевн тIелатар ца хууш хилла дацара, иза хила а лууш, хилийтина дара.

Россин шен лаам бацара Дагестанера ваххабизмана дуьхьал тIом боло. Цу ваххабизиман хIу сихонца даржо дезаш дара Хаттабан а, Басаевн а гIоьцна, ткъа цул тIаьхьа Россис хIаллак бийр бара Дагестанера ваххабисташ а. Ткъа юха Дагестанера Хаттабан а, Басаевн а тоба Нохчийчу а хецна, Ельцинан метта хIоьттинчун куьйга антитеррористически операци дIаяхьа бахьана кхуллур дара, оцу кепара президентски харжамашкара цуьнан рейтинг лаккха а йоккхуш.
Ерриге а Нохчийчоь дIалаьцначул тIаьхьа, цигара нохчий арабовлийта мел оьшург дийр ду — церан хIусамаш ягош, гIаланаш йохош, кху махкахь Iен а, даха а церан лаам бойуш.
Кхета мегар дара нагахь санна Дагестане тIемалой леррина бахийтинехь, цигахь уьш хIаллак бан Iалашонца иза далур ма дара. 1999-чу шеран бекарг (март) баттахь дуьйна Россин пресса яздеш ма яра Нохчийчоьнна гонаха масех уггаре а тоьлла тIеман дивизи а, бригада а ю бохуш. Волгоградера а, Буро-ГIалара а 20-гIа а, 19-гIа а дивизиш а, Дагестанера Буйнакскехь йолу 136-гIа а, 205-гIа а дивизиш мел оьшучу, кху заманан массо а лехамашца йогIучу техникица кхачо йина а яра, муьлхха а минотехь тIамна кийча а яра. Царна тIетоха мегар дара Ставрополера 21-ра хIаваан десантни бригада а, ВДВ-н Новороссийскера 7-гIа дивизи а.

И тIеман декъаш Россин эскаран керла юьхь яра, иза а Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон эскар ца лоруш. Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствос а, Оборонин министерствос а Дагестане мел эскар чуоьзнера хIинца а хууш дац. КIезиг хиллачух тера ду и эскар, меттигера бахархоша гIо деш доллушшехь Басаевн а, Хаттабан а цхьа тоба хIаллак ца ялуш, Нохчийчу дIаяхийтина цара хилча.

Нагахь санна, Басаев цаьрца бертахь ца хиллехь а, Россин инарлашка цо ша тIом ца беш, Дагестанера дIагIур ву ма элира, толам царна а битина, шен тобанна Нохчийчу дIаваха жимма некъ битахь. Цара цуьнан и декхара кхочуш дахь адамашкара ларам а хир бу. Адам шайх тешо Басаев дIаваханчул тIаьхьа а Дагестанера есачу окопашна а, гIишлошна а масех дийнахь Россис шен ма-хуьллу бомбанаш йиттира. Ткъа тIемалойн декъий ца хиларна а дала жоп карийра — нохчаша шайн декъий охьакхиссина ца дуьту, дIадаьхьна цара шайца.
Россин инарлашна гIоле хуьлучу агIор хийцалуш дара нохчийн васт. Нагахь санна тIемалой зуламхой а, боьха хIумнаш а хийлита лаахь — Россис дерриге а дуьненна а кхайкхош дара тIемалоша чевнаш хиллачу шайн накъосташна а тоьпаш туху бохуш. Ткъа хIинца шаьш лелочунах адам тешо, цара тIемалойх шайн накъостийн декъий а деза а, мехала хетарш бира.

Амма бакъ дерг дийцича ца хаьа муха дIахьур дара сацанза тIеетачу бомбанашна бухара бIе гергга дакъа? Инарлаша цхьаъ лечкъадора, ткъа царна юххехь бацара бакъ дерг дийца лууш а болу, кхоьрур а боцу журналисташ, цундела дуьненан юкъаралла Россис юха а Iехийра.

Кхин цхьаъ хила а тарло — Басаев буса шен тIемалошца Россин эскархошна юххехула ца гуш тIехваьлла. Амма мухха делахь а Россин инарлаша толам боккху жима тIом Дагестанехь хили, ткъа «кIилло» Басаев эшамца дIа а вахана, Нохчийчоьхь къайлаваьлла.

Шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь бакъ а деш, цхьа хабар доладелира халкълахь — Дагестанехь хилларг дукха хан хьалха кхочуш дан Iалашоне хIоттийна дара бохуш. Цу боцачу тIеман коьрта жамI дара — инарлийн белшаш тIехь алсам девлла седарчий, политикийн лаккхаевлла рейтингаш а. Ткъа Басаев? Цунна хьадийцарехь я Волошинера я, Березовскира шортта ахча кхаьчнера.
2000-чу шеран чилланан баттахь зорбане даьллачу «Версия» газетехь хилла йолчу статьяс дуьйцура Россехь хиллачу террористически актийн а, Дагестанна тIелатарна а куьйг бехкениг мила ву:
«…Ахча чекхдолуш хуьлу, ткъа иза юха а карладаккха, дагадеънера Басаев Дагестане вахийта. Нохчийчоьнан Президента Масхадов Аслана ша хаам бинера Кремле иза хир долуш ду аьлла. 1999-чу шеран гурахь, Басаев Дагестане вахале, президентан Ельцин Борисан Администрацин куьйгалхо Волошин Александр Басаевца цхьаьнакхийтира Ниццера Булье олучу меттигехь, цхьаболчу хаамашца Iаьрбойн герз дохкархочун Хашоги Iаднанан виллехь…» И статья зорбане яларца Хашогис «Версия» газете кехат а яздеш, сихонца хаам бира и цхьаьнакхетар шен виллехь хилла дацара аьлла, амма цхьаьнакхетар хилар цо харц ца дира.
И цхьаьнакхетар вовшахтоха Волошинна гIо дира Суриков Антона. Билгалдаккха деза, Суриков Антон 1983-чу шарахь дуьйна ГРУ агент хилар. 1992-1993-чу шерашкахь Гуьржи Мехкан Абхазица тIом болчу хенахь иза массийттозза Абхазехь хиллера Мансур Натхоев псевдоним а лелош. Саидовца а, Гайбойца а, иштта Басаев Шемалца а юкъаметтиг латтийна а ву. Цул совнаха цо куьйгалла дина гуьржийн полевой командираш хIаллак беш, лериначу ницкъийн тобанан. Басаевца церан йоккха уьйр хиллла, хIунда аьлча Басаев Шемал хIетахь Абхазин оборонин министран гIовсан даржехь а вара.
Стенна оьшура Волошинна Басаевца къайлахь къамел дар? Кремль боккъалла а кхоьруш яра Дагестанехь хиллачо ерриге а Кавказе цIе а латийна, Россина иза бале даларна. Волошинс Басаеве Дагестанехь дукха боккха тIом ца баржоре дехара дира, амма цунна дуьхьал кховдо хIума дацара цуьнан. Къамелах гIуллакх ца хилира. Прессехь хаам беш ма-хиллара, Басаев тIамца Дагестане вахале жимма хьалха Ботлихски кIоштара МВД тоба араяьккхинера. И меттиг мокъа яьллачуьра чувахара Басаев. Ма-дарра аьлча, Кремль а, ерриге а Росси к1елхьарайоккху шен ваххабисташна тIаьхьа ца хIоьттинчу Дагестанан къомо.
Басаев Дагестанехь эшна, амма тIом бан ахча карийна. ТIом кхин дIа бан безаш бара, цундела шен хеннахь ГРУ-хь лериначу кечамах чекхваьллачу Басаевн жимох волчу вашас Ширванис жигара боху хIинцалц къайла баьхьна хилла шен тIемалой. Басаевн тIемалоша вовшахтуху Москвахь а, Буйнакскехь а, Волгодонскехь а эккхийтарш. Юха а дIадолало и хьербевллачу нохчашна бекхам бар, ма-дарра аьлча керла тIом.
Ткъа коьрта хаттар ду — хIунда лелхаш дара къинхьегамхой а, пенсионераш а беха цIенош? ХIунда ца лелхара миллионерийн гIишлош, министрийн цIенош? Иза а ду жоп карор доцу хаттар. Москвахь а, Волгодонскехь а, Буйнакскехь а хилларг дуьненюкъара терроризман Iадатаца догIуш дацара — динарг мила ву хууш дацара.
ХIинцалц дастамъяьлла хилла и «нохчийн лар» нуьцкъаллин ведомствийн хаамийн-урхаллийн декларативни дIахьедарийн тIегIанехь юьссуш ю.
Нагахь санна хIинцалц цу террористически акташна бехке нохчий хиларан бух боцу тоьшаллаш нахана гайта мукъне а гIиртинехь, ткъа цул тIаьхьа, хIинцалц лаьтташ йолу соцунгIа хилира.
ЧIогIа шатайпа, ларлуш тIеийцира малхбузен политикаша «нохчийн ларах» лаьцна хаам. Массо а хаамийн агентствоша билгалдаьккхира нохчий бехке хиларан цхьа а тоьшалла дац аьлла.
Боккъалла а бехке мила ву талла лууш болчух тера дацара Москвара политикаш. Церан сагатдеш цхьа хаттар дара — тIахьа хIун хир ду?
Къар ца лучу нохчашна тIе ядерни бомбанаш тоьхча хIун дара те аьлла Думехь дийцаре динарг, хьерваьллачо ден къамел санна тIелецира массара а.

Газеташа яздора теоретически а и санна дерг хуьлийла дац бохуш. «Времечко» программас нахе хаттарш дира — мила араваккха веза Москвара — массо а нохчий, массо а бандиташ я массо кавказцаш? ТIаьхьара жоп Москван бахархошна массарел а хазох хеттера. Кхузахь кхета мегара дара юкъараллин ойланех — Москва оьрсишна бен яц, иза дукха къаьмнаш дехачу пачхьалкхан шахьар йоллушшехь. Фашизм ца аьлла хIун ала мегар ду цунах? Фашисташа а олуш хиллера Германи немцойшна бен яц.
Шатайпа яра «Аргументаш а, Факташ а» газетан журналисташа Мурадов Бориса а, Батыру Александра а, Прощак Людмилас а «Стенна ларбеш бу нохчийн тIемалой» цIе йолчу статьяхь йовзийтина шайн ойла: «Меттигера бахархоша цу тIамах «коммерчески» тIом олу, ткъа Басаевна тIаьхьа хIиттинчарш чагIалкхаш ю боху. Буйнакскехь адамаш кхалхар цуьнан рогIера тоьшалла а ду. Иштачу тIамехь массо а федеральни кеманийн а, танкийн а, яьккхий тоьпийн а, пулеметенийн а гIора дац. Цара хьалха санна охьа отуш ю маьрша адамаш деха меттигаш, амма церан тоьпийн цхьа даьндарг а ца кхета тIемалойн меттамотт болчу.
Нагахь санна тIом болалучу хенахь Дагестанера Ботлихски кIоштахь иза ларамза нислуш санна хеттехь а, ткъа карарчу хенахь дагатоссу я царна нийса герз кхосса ца хаьа я, ца лаьа. Хетарехь, ца лаьа, вуьшта федеральни эскара кхолха гуо лаьцначу тIемалойн вайн эпсарша а, саьлтиша а дийцарехь мичара хир дара тIекхоьхьуш герз а, юуург а? (АиФ, 1999 шо., №36)
1999-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 19-чохь Соьлжа-ГIалахь Нохчийн Республика Ичкерин эскаран хаамийн центран куьйгалхочо Ибрагимов Вахас гулбеллачу журналисташка хаам бира нохчех схьакхетта болу ГРУ эпсараша шайн лаамца нохчийн эскархошца уьйр дIа а тессина, иштта нохчийн Iедалца юкъаметтиг латто шайн болу лаам а бовзийтина аьлла. Ибрагимовс дIахьедар дира ГРУ эпсараш а, церан агент а кийча хилар Буйнакскехь а, Волгодонскехь а, Москвахь а эккхийтарш диначарех лаьцна хаамаш бовзийта.
ГРУ эпсар кхоъ вара — полковник Иванов З…, майор Пахомов В…, лаккхара лейтенант Галкин А…, а, цаьрца цхьаьна ГРУ белхало нохчийн къомах волу Абдулаев В. Ибрагимовс элира кхин дIа дерг ГРУ белхалоша шаьш дуьйцур ду аьлла.
2000-чу шеран кхолламан (январь) беттан 6-чохь Лондонера цхьаьна газета Вомак Еленин «Россин агенташа лелхийтина Москвара» цIенош» аьлла статьяна зорба туьйхира. Цу статьяхь дуьйцуш дара нохчаша йийсаре лаьцначу ГРУ цхьаьна эпсара Путин Iедале валийна а, иштта Нохчийчоьхь тIом болийна а йолчу Россин лериначу урхаллаша лелхийтинера Москвара цIенош бохуш мукIарло деш йолу видео газетана кара кхаьчна хиларах лаьцна.
Хонкарера журналиста Араль Редата ерриге а Соьлжа-ГIала Россин эскара дIалацале яьккхинчу пленки тIехь Галкин Алексейс ша ГРУ белхало ву боху. Йийсаре лаьцначо дуьйцу, цуьнан тоьшалла до цуьнгахь долчу кехаташа а, ша Россин Федерацин Оборонин министерствон генеральни штабан лериначу ницкъийн «лаккхара лейтенант» хиларах лаьцна.

И тоба йолуш а яра, иза хIаллак а хилира аьлла тIаьхьа тIечIагIдийр ду ФСБ пресс-секретарьс Здановичс. Цу тобанан куьйгалхо нохчийн агIона дIахьедина ма-хиллара ГРУ полковник Иванов З… вара. И гIуллакх шуьйра дийцаре дира Европан дукха а шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь — «Сводода» а, «Немецкая волна» радио тулгIенашкахь а. Россин Оборонин министерствос Ибрагимов Вахас дина дIахьедар Нохчийчохь Россин дIакхоьхьучу политикина дуьхьал лерина провокаци ю элира, ткъа Галкина йийсарехь Iазап ловш хIуаъ дийца тарло.

Делахь хIета «Версия» газетехь «Хьан эккхийтина Росси?» чулацам болу масех статья а журналисташа Iазап ловш язъйина хилла те? Мила хилла те царна тIехь и Iазап латтош?
Амма хууш ма-хиллара, царна тIехь Iазап латтош цхьа а вацара. Журналисташ шайн болх беш бара. Уьш тешо гIертара Москвахь а, Волгодонскехь а, хиллачунна а, Рязанехь террористически акт ян гIортаран а, бехке лерина урхаллаш хилар. Нагахь санна уьш эладитта кхуллуш хиллехь, законаца догIуш жоьпалле стенна ца оьзна уьш, газета дIа а къовлуш?

1999-чу шеран товбецан (сентябрь) 22-чохь Рязанехь нах беха тIекIалдина цIа эккхийта гIоьртинера. Товбецан 23-чохь цунах лаьцна шуьйра дийцира Россин массо а хаамийн агентствоша. Iуьйранна барх сахьт даьлчхьна дуьйна массо а телеканалаш дуьйцуш дара террористически акт ца хилийтина бохуш.
Шуьйрачу хаамийн гIирсаша дийцарехь цIенон подвалчохь карийначу галишкахь гексоген дара, ткъа эккхар пхи сахьт ткъе итт минот яьлча хила дезаш дара. Хаам беш ма-хиллара Рязань гIалин муниципальни милицин сапераша бакъ дина галишкахь гексоген карийна хилар. План «перехват» дIакхайкхийнера и гали террористаша деана йолу машен лаца.
Билггал машенх дерг бахархоша элира. Дашково-Песочная цIе йолчу ткъе итт эзар стаг вехачу микрорайонан кхерабелла бахархой са хиллалц наб йина бацара. Хьанна кхетар ю цу хьолехь наб? Амма церан доьхначу дегнашна сиха чIир эцна хиллера. Цу дийннахь «Хаамаш» программехь Соьлжа-ГIалин аэропортана тIе бомбанаш еттарах лаьцна дуьйцуш вара премьер-министр Путин Владимир. Рязанехь террористаш лоьхуш боллушшехь, Россин кеманаша тIетаьIIина Соьлжа-ГIалана бомбанаш хилла етташ. Рязанцаша гIайгIане яьккхинчу буьйсанах бекхам эцна.

Путина баркалла элира къиза террористаш лахарехь а, царна таIзар дарехь а сема хиларна.
Товбецан (сентбярь) 25-чохь вовшахтоьхначу зуламаллица къиссам латторан хаттаршкахула дIахьош йолчу хьалхара кхеташонехь ша вистхуьлуш, Рязанехь ца хилийтиначу террористически актан хьокъехь Рушайлос билгалдаьккхира: «Карарчу хенахь керла террористически акташ ца хилийтар а, хиллачарна бехке болчарна таIзар дар а ю Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон коьрта Iалашо»

Товбецан 24-гIа кхаччалц дийцира террактах лаьцна. Галишкахь шекар а доцуш, гексоген хиларан шеко яцара, амма Патрушевс дIахьедар дира Рязанехь тIеман Iамораш дара аьлла.

Цу хьокъехь «Московский комсомолец» газета яздира:
«1999-чу шеран товбецан (сентябрь) 27-чохь ФСБ куьйгалхочо Патрушев Николайс юкъаралла цецйоккху хаам бина — Рязанехь терракт еш ца хилла, цигахь тIеман Iамораш хилла». Цу дийннахь, Чоьхьарчу гIуллакхийн министра Рушайлос Владимира шен белхалой декъал бира Рязанера нах кхиамца кIелхьара бахарна. Рязанера хиламашка юха вирзира шен «Независимые расследования» передачехь Николаев а 2000-чу шеран бекарг (март) беттан 24-чохь. Передачин массо а декъашхошна хетарехь, Рязанехь хилларг боккъалла а терракт ян гIортар дара, я Iамораш а дацара. Амма мухха делахь а Рязанера нах шайн маьрша наб еш бара, ткъа Нохчийчоь-м дийнахь а, буса а охьаотуш яра.
Кхолладеллачу хьолан буьззинчу барамехь мах а хадийна, ИбрахIим да волчу юьрта дIавахара. Заурбек сингатамме вара:
— Ва кIант, хьалха хилларг хир ду те хIинца а?
— Ца хаьа, дада хIун хир ду, амма вай массо а кхузара сихонца дIадаха дезий-м хаьа суна — жоп делира ИбрахIима.
Амма Заурбек ша аьллачунна тIера вер волуш вацара. Со йина чIагIо яра цкъа а Даймохк ца бита.
— Хьо чов йина вацахьара, хьо заьIап вацхьара, хьайн лаамехь вуьтур вара ас хьо, амма хIинца хьоьга и дехара ца дича ца волу со. Ас доьху хьоьга — хьайн доьзалцана ГIалгIайчу дIагIо. Нана а, со а кхузахь дуьссур ду. Кхуза ца кхача а мега уьш, кхачахь а суна бен ца хета. Сан дахар хIинца ишта а кхане хир йолуш дац… со дуьне диъна ваьлла, ткъа хьан кхио безаш доьзал бу — элира Заурбека.
Сарахь Заурбекан хIусамехь дукха нах гулбеллера. Юьртхоша луш долчу хеттаршан чаккхе а яцара:
— ХIунда? Стенна? ХIун бахьана долуш?
— Юха а ишта къиза тIом хир бу те вайна?
— Вай мича даха деза, хьангара орца деха деза?

Буьйса юккъе яханчул тIаьхьа а кхачонза дара гIайгIано дегнаш карзах даьхначу адамийн къамелаш. Юьртана дикка генна, Соьлжа-ГIала йолчу агIора схьахезачу яккхийчу тоьпийн татанех дегош дара латта. Хьеший дIабахара, керосин доьттина латочу лампанан серло а дIа а яйна, наб озийра ерриге а хIусамна, амма цу чохь вижанза юха а шиъ вара — ИбрахIим а, Заурбек а.

II
Iуьйренан ламаз а дина, Заурбекан доьзала вовшен Iодика йира. Ислам мукъне а гIо дан юьртахь вита аьлча, Заурбек реза ца хилира:
— Кертахь со ларор ву. Дечиг долуш ду, бежанна йол йолуш ю, яа а ю, мала а ю. Кхин тхуна хIумма а оьшуш дац. Шу Дала Iалашдойла. Тхуна цхьа а тIом кхераме бац, шу могуш-маьрша хилчхьана. Дика ду-кх СаьIид а шен хеннахь кху декъаза махкара дIавахана. ХIуммаъ дац… мацца еана а цкъа маршо а, паргIато а йогIур хир ю вайн лаьтта — иза а аьлла новкъабаьккхира Заурбека шен хьомечу кIентан доьзал.
ИбрахIиман маьхча Зеламха вара хIорш ГIалгIайчу дIакхето араваьлла.
ГIалгIайчоьнан дозане боьду некъ дIалаьцнера Нохчийчуьра арабовлучу мухIажарех йоьттинчу машенаша. Республикин дозанехь федеральни эскархоша лерина толлуш вара ара мел волуш верг.
 

Дозанехь денош а, буьйсанаш а йохура мухIажарша, эскархоша я юхнехьа Нохчийчу а, я шаьш доьлхучу дIа а ца дохуьйтуш. Бераш а, зударий а боьлхура, амма эскархошна цуьрк а къа ца хетара царех. Цара цхьа а бахьана а доцуш латтош бара уьш дозанехь, Правительствон цхьаьна указе хьоьжуш ду шаьш бохуш. Масех километрана яхъеллера машенийн колонна. ИбрахIиман доьзалан а дийзира Зеламхин машенна чохь буьйса яьккха. Зеламха шен доьзална тIаьхьа ваха везаш воллушшехь сецира, ИбрахIимгIаьрга арахь буьйса ца яккхийта.
Кхана сарахь бен аьтто ца белира постана ши бIе метр тIекхача. Юха а арахь буьйса яккха дийзира. Дукха нах, кхин тоха са а доцуш, шайн машенаш охьа а кхуьссуш, ГIалгIайчоьнан дозанал гIаш дехьа бовлура.

«Кавказ-I» постехь и нах талларан система хIоттийна болчу федеральни лерина ницкъийн урхаллин векалша шортта ахча доккхура.
МухIажарийн комаьршалла гучуяьккхархьама а, адам сиха лелийта а, ахчанна сатесначу эскархоша тIе герз долийра адамна. Нах лазийнера, белларш а бара. Кхолладеллачу хьолехь, наха шайн тIаьххьара сом дара дIалуш, зударша шайн лергара схьайохуш дашо чIагарш яра дIалуш, сихонца кху жоьжахатара шаьш арадовлийтичхьана. Амма кхузара дIадахча, чекх болуш ца хиллера баланийн и могIа — чохь Iен меттиг яцара карош, гIалгIайша шайн долахь долчу цIеношах лаккхара мах боьхура.
ИбрахIимана блокпостехь Нохчийчуьра арабовлуш болу шен лулахой кхийтира. Уьш ГIалгIайчоьнан Малгобекски кIоштара Пседах олучу юьрта боьлхуш бара. Цигахь царна бевзаш болу нах бара Iаш. ИбрахIиман билггал ваха меттиг йоций хиъча, цара шайх схьакхета элира цуьнга. КхоалгIачу дийнахь бен аьтто ца белира церан дозанел дехьа а бевлла, ГIалгIайчу дIакхача.
Кхо эзар вахархо бен Iаш воцучу юьрта, шийтта эзар мухIажар чухьаьдира. Деса цIа данне а дацара — массо а дIалаьцнера мухIажарша. ГIалгIайн цхьа долчу даккхий цIенош чохь Iаш бIе сов а стаг хуьлура.
Сельсовет, Культурийн цIа, машенаш Iалашяран станциш, совхозан контораш, тишделла божалш — ша дерриге а дIалаьцнера тIамах бевдда баьхкинчу нохчаша. Кхарех дог лезначу меттигера наха хьехар дира ИбрахIиме дIатесначу универмаган гIишлочохь меттиг карайой хьажа аьлла.
ИбрахIимгIар универмаге баьхкира. Универмаг аьлча а, дуккха а шерашкахь дуьйна дIатесна, тишъелла боьха гIишло яра и доьхначу пеношца, ладараш оьхучу тхевнашца. И универмаг цкъа мацах меттигера вахархочо юьртан администрацигара эцна хиллера, хIетахь дуьйна цок хин дола ца деш, тесна йитина хилла.
ИбрахIима универмаган керта а ваьлла, кхузахь Iаш болчу нахе маршалла хаьттира. Йоккхачу цхьаьна чохь Iаш вара ткъе итт герга стаг — царех пхи ялх-виссалц кхин дIа бераш дара. Хьалха склад хиллачу цу чоьнан аьнгалиш доцу кораш, пленка а тоьхна дара. Дуккха а хенахь дуьйна кир тоханза, цIандаза пеношна тIера охьаоьгуш поппар бара. Кху чохь йовхо а, серло а яцара, я цхьаьна а кепара адамана оьшу хьелаш а дацара. Мокъа меттиг юй аьлла ИбрахIима хаьттича, цунна гайтира еса жима цхьа чоь. Цу чохь я корах ангали а дацара, я неI а яцара, хIете а ИбрахIим реза хилира кхузахь саца. Универмаг долахь йолчо, ша дош делла ма-хиллара, цхьаьна кIиранна юкъахь серло а, газ а ялийра, арахь хьаштагIа а яьккхира. Зударша кир а туьйхира, къухь яьлла йолу юххера хьаьрма а цIанйира. Дукха ца Iаш, хIусамдас керт а хIоттийра. ХIинца хьал мелла а дIанисделира.
СаьIид Германехь вара, ткъа йиша Зарган шен доьзалца Нальчикехь Iаш яра, амма ИбрахIимана ца лиира нуц волчохь саца — нохчийн Iадатаца догIуш а, товш а дацара иза.
Цхьа бутт баьлча, ИбрахIимана хиира Карабулак олучу юьртахь, аьчка некъийн плацкартни вагонашкахь Iаш шен накъост, физикин хьехархо Хамидов Роман вуй. Такси а лаьцна, иза волчу хьошалгIа вахара ИбрахIим.
Карабулак а, Плиево ярташна юккъехь йолчу аьчка некъийн вокзалера вагонашкахь шолгIа тIом болабелчхьана Iаш вара Нохчийчуьра виъ эзар ялх бIе сов мухIажар. Вагонаш плацкартни яра. Иза йоккха билгало яра Ельцинан-Путинан Правительствос нохчий Сталиначул дукхох лоруш хиларан — махках бохучу хенахь-м даьхни дIасалелочу вагонашна чукхиссинера нохчий, ткъа хIинца плацкартни ю. ХIора а стагана цхьацца плацкартни меттиг еллера. Вагонаш чохь Iаш масех оьрсийн доьзал бара, ткъа кхин дIа берш нохчийн бара. Бахархоша мало ца яр бахьана долуш, кхузахь цIена дара.
Плацкартни хIора а ога кIади тесна дара, оцу кепара доьзалша къастайора шайн-шайн вагон. Арахь лаьтташ Iа дара, цундела кхузахь чIогIа шийла яра. Вагонашна нийсса дуьхьал лаьтташ дечигах дина жима божалш дара, цу чохь яра юуург кечъен меттиг. Ткъа жима рагIуш бухахь лаьттара деха стоьлаш, гонаха хIиттийна гIанташ а долуш. Вагонашчу шеца цхьаьна юург дIаяхьа магош дацара. Кхача дийнахь кхузза луш бара, ткъа цуьнан дикалла хьахо а йиш яцара.
— Ца езахь ма яа, езахь дIаеллачунна тоам бе — ишта ойланца йолуш шайн болх беш бара кхузахь меттигера — ГIалгIайчуьра бахархой. Билгалдаккха деза, мухIажаршна юкъара цхьа а пхьегIа йила а, я нуй хьакха а балха оьцуш ца хилар.

Роман шен хIусамненаца а, кIантаца а хIара меттиг мухIажаршна билгалйинчу дийнахь дуьйна Iаш вара. Церан кхин а ши йоI а яра, лаккхарчу кхиамашца школаш чекх а яьхна Астраханера пачхьалкхан университетехь лоьрийн говзалла Iамош яра и шиъ. Ткъа ялхийтта шо кхаьчна волчу Зеламхин-м аьтто бацара деша.

Вагонашна некъал дехьара шерачу аренгахь дIасаяьржинера мухIажаршна схьайиллина йолу четарийн гIала. Цигахь хотташна юкъахь дIасауьдуш дара шелделла бераш, гIайгIане дIасалелара нах, амма вагонашкарна-м царех хьоьгура, хIунда аьлча четаршкахь хьал мелла а гIоле дара. ХIора а доьзалан шен четар а дара. Амма я вагонашкахь Iаш берш а, я четаршкахь Iаш берш а ца хьоьгура шайна гена йоццучу Троицк юьрта кхаьчначарех — цигара нохчийн мухIажарш даьхний лелош хиллачу фермашкахь Iаш ма бара.
Роман шен аьттоне хьаьжжина ИбрахIимана хьошалла дан гIертара. Сарралц цуьнца хан а яьккхина, ИбрахIим цIа вахара, цIа аьлча а универмаге.
Новкъахь гIалгIа таксиста дийцира ИбрахIиме и тайпа лагераш Слепцовскехь а ю аьлла. Цхьаболчу хаамашца Нохчийчуьра ГIалгIайчу виъ бIе эзар гергга мухIажар дIавеанера. Уьш лагершкахь хилла ца Iаш, нах бехачу секторшкахь а дIатарбеллера.
МухIажаршна юьхьанцара гуманитарни гIо луш дацара. Цкъа юьртан администрацис шайгахь регистраци ян езара царна, цул тIаьхьа мухIажаршна Малгобекехь регистраци ян езара, ткъа цул тIаьхьа спискашна тIе а тевжаш, юьртан администрацис гуманитарни гIо дан дIахьедарш кечдора. ХIетахь бен ца кхочура мухIажаршна гIо. И массо а кечамаш кIиранашна бахбеллера. Эххар а схьакхечира массара а сатийсина бепиг — шийтта эзар стагана пхи бIе булка.
Бепиг дIасадекъар шена тIелецира универмагера ИбрахIиман лулахочо Сулеймана. Нахана гIо дан ният дина вара Сулейман, шена цунах кхочуш хIумма а доццушшехь. Амма дог цIена кIантана хууш а ца хиллера мел чолхе дукъ хилла цо шена тIелаьцнарг. ХIора а Iуьйранна универмаге схьайогIучу автобусаца Сулейман Назранера хлебзаводе воьдура бепиг схьаэца. Iуьйранна дуьйна, еха рагI а ларйой, сарахь бен аьтто ца болура цуьнан, шена йогIу пхи бе булкIа схьа а эцна Пседахе юхаверза. Юьрта чукхоччушшехь цуьнга хьоьжуш лаьттара зударийн йоккха тоба, амма Сулеймана автобус юьрта юккъехь, массарна а гур йолчохь сацайора.
Минот ялале, кхузахь дукха адам гуллора. Массара а маьхьарий деттара, хIоранна а лаьара, рагI ца ларъеш, массарел а хьалхаваьлла, бепигах катоха, ткъа иза ведомосте хьаьжжина, куьйг яздойтуш бен дIадала йиш ма яцара. Бараме хьаьжжина, шина стагана цхьа булка бен яцара йогIуш, ткъа иза чIогIа кIезиг дара, цундела массарна а ца тоьура. Бепиг массарна а оьшура, цхьаьнна а юхавала а ца лаьара. ХIора а сарахь цигахь хIуттуш долу и сурт Iийжаме дара. Хьанна моьттура заза даьккхина кхуьуш хиллачу, токхе махкара нохчий оццул де эшна бепиган булка къуссуш, шелонехь лаьттар буй.
Халла и бепиг дIаса а доькъий, буьйсанна универмаге — «шен цIа» дIавоьдура Сулейман. ХIора а дийнахь и болх бан ницкъ хуьлура цунна, цундела цо керла некъ лехира и хьал жимма а атта хилийта. Нахаца дага а ваьлла, цо сацам бира мухIажарш бехачу урамашкахь дIасакхехьа бепиг. Оцу кепара, жимма а хьал нисдалар бахьана долуш, бепиг цхьаьна кIиранна юкъахь массарна а кхочура. Цхьа бутт баьлча, Сулеймана битира и болх. Иза дIавахана цхьа кIира даьлча, бепиган барам алсам белира — хIинца шийтта эзар стагана кхо эзар булка яра дIасайоькъуш. ХIетале кхин долу гуманитарни гIо а кхечира. Кхачанан сурсаташ мухIжаршна дIахьажийнера Дуьненюкъара Ц1ечу ЖаIаран комитета а, Датски комитета а, иштта Дуьненюкъара ЦIечу Беттасан комитета а. ХIинца мухIажарийн дахар мелла а аттачу делира.

Малкобекски кIоштера белхазаллин тIегIа йезткъа процент гергга дара. Оцу хьелашкахь болх карор дуьйцучохь а дацара. Цул совнаха, Россин Федерацин Правительствос делла къайлаха омра а дара мухIажарш цхьаьна а метте балха ма эца аьлла. Ши бутт баьлча и омра дIадеккхира. Амма керла паспорташ дала а, цу тIехь керла суьрташ тоха а магош дацара, цул совнаха нохчашна дозадехьара паспорташ а луш дацара. Амма муьлха а кехат эца мегаш дара. Иза ерриге а Россехь а, Къилбаседа Кавказан регионашкахь а шуьйра даьржинера.
Кхин тоьлла дацара мухIажаршна медицинин агIонера гIо дар а. КIирнахь цкъа — хIор шинарин дийнахь Пседахан юьртара больнице богIура «Доза доцу лоьраш» («Врачи без границ») цIе йолчу гуманитарни организацин векалш.

Цомгуш болчаьрга ла а дугIий, цара шайгахь долу молханаш а лора, ишта больницашка баха направлениш а язйора. Цу тIехь церан аьттонаш чекхбовлура.

МухIажаран статус ца хилча, нехан аьтто бацара белхазаллина луш долу социальни пособи эца а, я маьхза лоьрашкахула чекхвала а. ГIебартахь а, Дагестанехь а, иштта Россин муьлха а регионехь билгал мах дIа ца белча, нохчийн социальни а, медицински а хьашташ кхочуш деш дацара. Массара а къайла ца деш, ахча доьхура. Царна моьттучох тера дара — нагахь хьо нохчо хилча, хьо законехь вац, хьо хьолда а ву, цундела массо а хIуманах ахча ло.

Тайп-тайпана бахьанаш а лехьош, Россис нохчий шайн цIеношчуьра ара а баьхна, дан амал доцуш битира. ЦIе тесна, церан гIаланаш ягош, нохчийн махка къиза инарлаш коьртехь а болуш, Iаламат доккха эскар чулаллира. Дерриге а дуьнене букъ берзабайта, нохчашна ца кхуллуш цIе ца йитира — «бандиташ», «террористаш», «фундаменталисташ», «исламисташ», «ваххабисташ». Боцу бехк дийнна къомана тIе а божош, нохчийн цIийх ца Iебачу политикаша а, инарлаша а шайн киснаш дара дузош. Нохчашна духкучу герзах а, нохчийн мехкдаьттанах хуьлучу пайданах а алсам долура церан ахча.
Нохчашна тIе боьссина бала чаккхе йоцуш хир бу, шайна пайда лоьхуш, бIеннаш адамаш хIаллак дан арабевллачу наха болийна, и неIалт хилла тIом дIа ца балахь. Шех дуьненюкъара бакъонан субъект хилча бен аьтто хир бац Нохчийчоьнан паргIат са даккха. Амма цу тIе кхачале, хийла нохчий хIаллак бийр бу Россин къизаллас. Иза цIена бакъ а ду. Ткъа нохчийн къам хIаллак дан хьаьгна болчарна даима а карор бу Iедална муьтIахь болу ялхой.

ГIалгIайчуьра лагершкахь хIора дийнахь леш бара мухIажарш. Массеран а аьтто ца хуьлура шайн гергарчеран декъий Даймахка цIа дахьа. Ткъа декъий эцна цIа боьлхучарна саццанза тIедетташ герз дара.
Шайн стаг дайн кешнашкахь дIаволла, нохчаша хIора а блокпостехь мах бара дIабала безаш.
Даймехкан сийлахь боккхачу тIамехь доьналла гайтина, цу «Даймехкан» ямартло а лайна, сийначу Сибреха кхаьчна хилла болу нохчийн баккхий нах тахана юха а нуьцкъала шайн цIийнах а, кхерчах а бевлла, нехан махкахь леш бара.
Цаьрга ца лалора мацалла, шело, хIара йист йоцу харцо, церан дегнашкахь сингаттамана кхин меттиг ца биссинера… уьш лозура, Iийжара, лелхара.
Балано охьатаIийнера, доьзалах сагатдеш, дан амал доцуш биссина нохчийн зударий, шайн хеназа кхелхина бералла елхош хьийзара кегий бераш. Дуьненан Къематан де царна гайтинарш-м Россехь маьрша Iаш бара…
Дозанал арахьара гуманитарни а, бакъонаш ларъяран а организациш бен яцара царех дог лозуш а, царна гIо дан лууш а. Ткъа куьйг бехке йолу Росси-м царна а новкъарло ян гIертара. Иза ишта хIунда дара? Жоп доцу хаттарш цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа кхоллалора коьртачохь. ХIунда луш дара Россис дашо седарчий чим бина Соьлжа-ГIала ягийна, эзарнаш адамаш даийтинчу инарлашна? Iазапан набахтешкахь нохчий кегий нахана тIехь къизалла латтийнарш, даржашка кхочура. Ма Iебар йолуш ца хилла хьо, Росси нохчийн цIийх. Заманан йохалла муха хьожур ю те хьо дуьненан самукъа дайначу итт эзарнаш нохчийн буоберийн бIаьра? Ахь дуьхьал хаттар дала тарло соьга Волгодонскехь, Буйнакскехь, Москвахь хиллачуна оха муха лур ду тIаккха жоп аьлла? Амма суна карор ду цу хаттарна дала жоп.
Иттанаш ярташ, гIаланаш ягош, Россин эскар йилбазан махца Нохчийчухула хьалхарчу тIамехь хьийзачу хенахь а ца дира нохчаша Россина кIен буьртигал а зен, хIинца хьалха ца йохош йиссинарг, шина шарахь гергга Россин эскара охьаотучу хенахь а ца дина нохчаша я, Россина а, я цуьнан къомана а зен. ХIинца стенна ца лелхийта нохчаша шайна диначунна бекхамна оьрсийн цIенош, гIишлош? Стенна ца до цара и? Ца до шаьш цкъа а дина доцу дела…
Царна юкъахь нагахь санна цхьаъ мукъне а нохчо хиллехь а, иза а шен лаамехь воцуш, цхьаьнан къизачу гураша лаьцна хир ву. Росси, ахь ойла хIунда ца йина цкъа а Москвахь а, хьайн кхин йолчу гIаланашкахь а терракташ маьрша хенахь стенна хуьлура, тIом болчу хенахь а ца хуьлуш? ХIун пайда бохьур бара цигахь хиллачу бохамаша нохчашна?
Историн Iаматашкахь а, исбаьхьа литературехь а, тхуна — нохчашна хьо цкъа а ца хеттера ишта къиза. Амма тхоьца йолчу юкъаметтигаца сиха хуьйцуш хилла ахь хьайн васт. Ма чот йоцуш дукха зенаш дина ахь тхуна кху тIаьхьарчу диъ бIе шарехь.
Тхайн хIу ца дайта, хьуна дуьхьал тхо тассаделча а ца дезара хьуна-м. Ма кIордийна тхуна хьоьгара хIара чаккхе йоцу бала лан! Мацца кхетта а цкъа кхета ма езара хьо тхо гора хьайга хIитталур ца хиларах! КIоршаме десте санна тхо хьаста даго ца юьту хьо. БIешерашца ахь тхуна тIехь латтош долчо са бIарздина тхан, амал дайина, амма Дала тхан кийра диллиначу доьналло ницкъ ло тхуна хьуна дуьхьал тиссадала…
 

III

Нийсса шо дара «контртеррористически операци» аьлла цIе тиллина болу тIом Нохчийчоьхь болабелла. Ма инзаре дара и шо дерриге а нохчийн къомана. Сацанза Iенара цIий, амма Iожалца нийсса дахар а дара шен болар деш. Дала ша боссийначу баланан барамехь и лан собар а лур ду аьлла бох адамашна, цундела хир бара-кх баланза биссинарш, баха гIерташ, церан дегнашкара сатийсам гIишлош санна хIаллак балур болуш ца хиллера.
Амма тIеман къизаллин цIе де дийне мел долу марсаюьйлура. Хеталора и цкъа а йовр яц. Инарлаша шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь даима а дIахьедеш дара массо а зуламхой хIаллак бина, йиссинарг дуьхьал тIом бан а карах дер доцу, вовшийн барт боьхна ши-кхо тоба бен яц, уьш а тахана-кхана хIаллак йийр йолуш ю. Амма тIом лагIлуш бацара, мелхо а алсам йолуш яра цуьнан къизалла. Эскхархоша тоьпаш тоьхна байинера Алдыра а, Мичурина а, Иваново а олучу ярташкара баккхий нах. Лаьттаца д1ашаръинера СаьIди-КIотар. Республикин массо а кIошташкахь саьлтиша къола деш, бехк боцуш адам дара хьийзош, зачитскаш йо шаьш бохуш. Цу хьоло хьере бина цхьа болу нах, шайн сиэ кхийдара, камикадзе хуьлий, ткъа цара эскархой байарна, бекхамна артиллери тIееттара адамашна.
Нохчашна юкъара шен аьтто болуш верг, дозанал дехьа ваьллера, хIунда аьлча Нохчийчуьра мухIажар хуьлучул, тIамна юккъехь виссар гIолехь дара. Боцу болх, даима тIаьхьа евлла лелаш йолу Россин бакъонаш ларъяран органаш, пачхьалкхера хуьлуш доцу гIо — цу дерригено а Iойла дайина нохчий дуьне мел ду шайна паргIато лаха арабевлира. Сийлахь йоккха, вежараллин Росси олучу пачахьалкхас хIоттийнера и хьал нохчашна тIе. Цо дуккхозза битинера нохчий Даймохк боцуш, хIинца а цо ягош яра нохчийн хьаннаш, бошмаш, йоханза йиссина гIишлош, реактивни снарядаша охьаотуш яра.
ТIом кхехкара Нохчийчоьхь, амма шуьйрачу хаамийн гIирсаша дерриге а дуьненна дIахьедора кхузахь маьрша дахар а ду, цIа боьрзуш мухIажарш а бу бохуш. Цхьаммо а ца дийцича а гуш дара эскархошна шайна лууш доций тIом дIабалийта, хIунда аьлча цу тIамо царна бохьуш шортта пайда бара, ткъа Нохчийчоьнан орцанан мохь хезаш цхьа да вацара.
Мухха делахь а ИбрахIима сацам бира цIа ваха. Цунна кIордийнера ша Iаш волу хIара жима лаппагIа а, кIордийнера шуьйрачу хаамийн гIирсаша юьйцуш йолу харцо а. Цуьнан сагатлора шен юьртана а, цIенна а, дена-нанна а, Заурбек а, Хеда а сих-сиха и волчу догIуш доллушшехь. Цунна эхь хетара цицигах кхерабелла дахка санна кхузахь дIа а лечкъина Iен.
Дена а, нанна а ца лаьара ИбрахIим доьзал а балош цIа ван. Бехк а бацара. Террористически тобанашкахь дакъа лаьцна боцучарна дIакхайкхина амнисти йоллушшехь а, хьалхарчу тIамехь хилла ву аьлла, федералаша лаца мегар иза. ХIинцале ялхийтта шаре ваьлла волу Ислам а вара кхераме. Иза зуламхойн тобанашкахь хилла вуй толлуш, фильтрационни лагере вахийта тарлора, ткъа юха муьлха а цо ца диначу зуламна бехк тIе а божош иза вуьйр вара, ткъа цул тIаьхьа гергарчаьргара шортта ахча доккхур дара цуьнан дакъа дIалуш. Ишта хIума сих-сиха хуьлуш дара республикехь. Эзарнаш нохчийн кегий нах хIаллак хилира цу Iазапан набахтешкахь, эзарнаш дай-наной де доьхна хьийзара шайн доьзалхочун дакъа эца ахча лоьхуш.

Амма хIете а ИбрахIимана лиира цIа ваха. Дала язйинчу Iожаллах вер вац. Хьайн тховкIелахь цкъа валар гIоле а ду, Даймахкехь хуьлучунна сагатдеш, цунна дан гIо доцуш, хIора дийнахь кхузахь лечул. Ткъа цIа вахча, цуьнан школехь я университетехь болх бан йиш хир ю. Деш хIума а доцуш, хиъна Iаш хиларо чIогIа сагатдойтура цуьнга. ИбрахIимана хала дара ша хIинца цхьаьна а хIумана пайдехь вац, ша кхин оьшуш вац бохучух теша. Цхьа ког ца хиларрий бен, кхин дIа дегIаца могуш вара иза. Амма юкъараллина пайда бохьуш Iаш ма бу шиаъ ког боцурш а.
Малгобекера Соьлжа-ГIала ИбрахIимгIар «Газель» олучу микроавтобусаца цIа богIуш бара. Нохчийчоьнан доза гучу доллушшехь, Iалам а хийцаделча санна хеталора. ХIаваэхь хаалуш яра цхьа шатайпа гIайгIа. ГIалгIайчоьнан дозанера Соьлжа-ГIалин центральни рынке кхаччалц, кхузткъе итт километр некъан йохаллехь лаьтташ берхIитта блокпост яра, цу хIора а блокпостехь «Газель» сацош а яра. Водителна хIинцале хууш дара муьлхачу постехь муьлха кехат гайта деза а, цу кехатана юкъа хIун йилла еза а. Кхаа сохьтехь некъ бира микроавтобуса Соьлжа-ГIала кхаччалц, ткъа маьрша хенахь-м и некъ сахьт сов бен бацара. Соьлжа-ГIалахь кхечу автобусана тIе а хевшина, уьш ИбрахIиман юьрта бахара.

ГIалин урамаш гича, ИбрахIиман тидам хилира хьалхарчу тIамехь йоханза йиссина йолу цхьацца херцарш а лаьттаца дIашарйинера. Цаьрга бIаьрг бетташ, иза кхийтира шена хIара гIала хIинца евзаш ца хилар. Нийсса дIаваха я некъ а, я урам а кхузахь бацара. Цхьа а херцар а, саьлнаш а йоцуш, шера аре санна йолу меттиг «Минутка» хиларах а халла кхийтира. Нохчийн снайпераш чуховшарна кхоьруш, леккха цхьа а гIишло ца йитинера эскархоша кху гIалахь. ГIалгIайчоьхь ИбрахIимана мел хезна хилларг бакъ хилла-кх, хIара сел чIогIа теша ца лууш мел хилларг.
ГIаличуьра араволуш, рогIера блокпостехь кхеран автобус сацийра. Сацийнарг билггал муьлхачу эскарера ву хууш дацара. Цо омра дира массаьрга а охьа а диссина, паспорташ схьа а делле гайта аьлла. Iасанашна тIехь воллушшехь, ИбрахIиман а дийзира охьавосса. Халла са деттара цо, собарах ца воха. Цу хьолехь кхин берш а бара. Ткъа цул тIаьхьа, эскархочо омра дира массаьрга а дIа а хIитте, паспорташ кара а лаций, куьйгаш дIадахийта аьлла. Цул тIаьхьа цо уьш массо а шина а агIор кIохцал-сара тоьхначу цхьаьна коридорехула дIахьажийра.
Цигахь, доккхачу тIаьрсиган гIантахь Iаш вара цхьаьна куьйгахь автомат а йолуш, йолахо. Цо нохчийн маттахь дина къамел кIоршаме мохь тухий, хададора:
— И хIун къамелаш ду? Кхин цхьаъ вистхуьлуш хазахь, ас са хиллалц ора чохь, автоматана бухахь латтор ду шу!
ИбрахIим и волчу агIор дIатассавелира, цунна тIаьхьа Ислам а. Амма юххехь лаьттачу стеган каде куьйга иза сиха сацавира:
— Хьо хьерваьлла? Милла вохийна а, вайх цхьаъ собарах вохо гIерташ ма ву и. Ца го хьуна? Вай массо а хIаллак дайта воллу хьо?
ИбрахIимана уллохь, жима Лиза шена тIе а ийзош лаьттара Хьава, дехарца ИбрахIиман а, Исламан а бIаьра а хьоьжуш. ХIара гIуллакх сихонца къастийра автобусан водительс — цо итт туьма делира цунна. Оцу кепара, уьш шайн юьрта дIакхечира.
Кху халачу хенахь, хьомечу кхерчан йовхо дегIах хьарчар цхьатерра хаза а, лазаме а дара. ХIорш цIа кхочур буй шайна хууш санна, Хьавайн да-нана а хиллера хьошалгIа деана. Цу хьокъехь, Заурбека шен ламаст ца дохош, уьстагIна урс хьекхира. Доьзало хазахетар шайца декъа, лулахой а, гергара нах а кхайкхира.
Хьеший дIасабахара, цIентIера гIуллакх а дина, берашца йижа дIаяхара Хеда а, Хьава. Стогарш дIабайча а, кху хIусамехь юха а вижанза шиъ вара…


IV
 

Росси Нохчийчоьнна тIелеттачу хьалхара деношкахь дуьйна нохчийн Правительство шен ма-хуьллу дуьнене гIо доьхуш яра — дуьненюкъара организацишка, дуьненан юкъараллашка, хаамийн агентствошка телеграммаш яра дIасакхоьхьуьйтуш. Цу телеграммашкахь нохчийн правительствос хаам бора 1999-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан хьалхарчу деношкахь дуьйна дуьненюкъара массо а бакъо а йохош, нохчийн ярташна а, промышленни объекташна а, социальни хьукматашна а бомбанаш тIеетташ хилар а, дойучу адамийн терахь алсам долуш хилар а, иштта Нохчийчоьнан куьйгаллас Москвахь хиллачу теракташна нохчийн бехк тIебуьтуш ца хилар а. Нохчийн правительствос дерриге а дуьнене кхайкхам бора нохчийн къам Россига хIаллак ма дайта бохуш, амма дала орца дацара, гIо доьхуш бетта мохь хезаш а стаг вацара. ТIеман саьрмикан бага де дийне мел долу шорлуш яра, иза Iаба дагахь а бацара нохчийн Iеначу цIийх.
ИбрахIим цIа веъний хиъча, иза волчу веара юьртан ишколан директор Килоев Деналбек. Иза шен балхана чу са диллина, чIогIа тайна стаг вара, дерриге а дахар Iилманна дIаделла. Деналбек географин Iилманан кандидат вара. Цу агIонехь цо баккхий кхиамаш а баьхнера. Сулейманов Ахьмадан «Нохчийчоьнан топонимика» хIотторехь мехала дакъа диллинера Деналбека, иштта цо дуккха а шерашкахь болх бинера Нохчийн Пачхьалкхан университетехь, ткъа хIинца чолхечу муьрехь Деналбекан лаам хиллера хьомечу юьртан школин куьйгалла деш, юьртхошна бераш Iаморехь а, кхетош-кхиорехь шега далуш долу гIо дан.
Вовшашка маршалла а хаьттина, Деналбека долийра дийца ша ИбрахIим волчу стенна веана.
— Ишколехь хьехархой тоьуш бац. Тхан дукхох болу белхалой цIа ца баьхкина. Хьо санна волу говзанча тхан ишколах вешар вуй ца хаьа, хьо университете а, гIалин администраци а хаза а хеташ дIаоьцур ву, амма хIара хьо кхиъна хьан юрт ма ю. Кхузара школехь доьшуш хьан тайпанера дуккха а бераш ду. Ойла яхьара ахь… жимма цхьаьна ханна мукъне а тхан школехь болх бийр бацара ахь? Кхузара хьал а гIалахьчул мелла а синтеме ду. Хьо чIогIа оьшу тхуна а, тхан берашна а.
ИбрахIима юха ца теттира шега кховдийнарг:
— Дика ду. Жимма хан ло суна ойла ян… гIала а вахана, цIа веъча, ас хоуьйтур ду хьуна айса хIун сацам бина.
Цу тIехь уьш дIасакъаьстира. Масех де даьккхира ИбрахIимгIара ден цIахь гIуллакх деш. Уьш цIа баьхкина дукха хан ялале, Нальчикера Зарган а еара хьошалгIа шен берашца. Дадина а, бабина а сагатдеш хилла Ахьмад а, Луиза а, Хьава а даккхий деш дара шаьш Даймахка кхачарна, къаьсттина царна хазахетара бухахь Ислам а, Лиза а карийна.
Заргана дийцира ша Германе СаьIиде телефон тохарах лаьцна. Цуьнан бераш Башта а, Мохьмад а, Мансур а немцойн школехь кхиамца доьшуш ду. Иштта Заргана шеца деънера СаьIида даийтина ахча а.
Жимма хан яьккхина, Зарган дIаяхча, ши бер юьртахь а дитина, ИбрахIим а, Хьава а гIала дахара. Цу урамера дукхох долу цIенош санна, кхеран цIено а дерриге а дохийнера. Хьалхарчу тIамехь санна йиссинарш книгаш бен яцара, уьш Ислама лерина гIайгIа беш, цIийнан подвалчохь лачкъийнера, ткъан кхин ерш цо шолгIа тIом а балале юьрта схьаеанера.
Шен цIенон херцарш хьалха ойланашка вахана лаьттачу ИбрахIимана ца хааделира Петр Сергеевич шена тIевогIуш. Нохчийн маттахь маршалла а хаьттина, цара дийцира вовшашка шина шарахь шаьш ца гуш мел хилларг а, мел лайнарг а. Петра ИбрахIим а, Хьава а ша волчу чукхайкхира. Церан цIено а шозза дохийна хиллера, амма ишта чIогIа дохийна дацара иза. ХIоразза а Петра декхарийла а воьдуш, халла юхаметтахIоттадора иза. ЦIахь уьш хазахетарца тIелецира Аннас, ткъа Исламана сагатдеш хиллачу Бориса дегайовхонца хоьттура шен накъостан гIуллакхаш муха ду. Борисан ялхийтта шо кхаьчнера. ХIорш ца гучу ханна, иза ца вовзззал воккха хиллера.
Цхьаьна чай молуш, Аннас а Петра а дийцира шаьш дуьненан жоьжахатехь мел лайнарг.
— Хьалхара тIом ловзар хиллера, шолгIачуьнга хьаьжча — дуьйцура Петра. Адаман сибатера боьхначу саьлтишна бен вацара я нохчи а, я оьрси а. Тхо шайн къомах боллушшехь къа ца хетара царна. Бехк боккхура шуна юкъахь тхо стенна Iаш ду. Чохь мел долу хIума дара дIакхоьхьуш. Суна тоьпаш тоханза елира вайн лулара Мусайн ас гIо даьккхина аьлла — Петран дукха гулделлера кхаьрга дийца, амма цу къамелашка ладогIа дагна хала дара. Сарралц хан яьккхира цара къамел ца кхачош, мел лайнарг а, мел гинарг а вовше дуьйцуш.
Петр а, Анна а мухIажаршца гIалара дIа ца бахара, шаьш оьрсий хиларна, саьлтиша зен ца деш буьтур бу моьттуш, я ма-дарра аьлча церан баха меттиг а яцара.
— ГIалахь Iен мегар дац шуна. Исламана кхераме ду кхузахь. Йолахой кегирхой лоьхуш, мила лоцур ца хууш бу. Моссийттаза халла кIелхьараваьккхинера оха Борис, цкъа тоьпаш тоханза а ваьллера. Ца хаьа хьуна, цунах сагатдеш тхан дегнаша мел лайнарг. Иза Росси дIавахийта аьтто балхьара, дIавахийтина хир вара оха, амма цигахь и тIелаца тхан цхьа а вац, массо а цхьаьна дIабаха таро яц. Нагахь санна хьо гIалахь Iан лууш велахь, бераш юьртахь дита — хьехар дира ИбрахIиме Петра.

Аннас а, Петра а дийцичунна тIехь дикка ойла а йина, ИбрахIим кхийтира гIалахь висса кхераме хиларах.
ГIайгIане ойланех юьзна и буьйса а дIаелира. Iуьйренан ламаз а дина, массаьрца а цхьаьна марта а дина, ИбрахIима бовзийтира, ша наб ца еш яьккинчу буса бина сацам. Цо дийцира Петран доьзале ша деца юьртахь вуьссур ву аьлла, цигара школе балха а гIур ву, ткъа Петре а, Анне а цо дийхира шеца юьрта дIадуьйла аьлла, жимма а гIалара хьал нисдаллалц. ИбрахIима элира ша царна школехь болх а нисбийр бу аьлла. Цу хаамо цецдаьккхина Петр а, Анна дехха Iера дист ца хуьлуш, ткъа хIоьттийна тийналла йохош, Бориса хазахетарца мохь туьйхира:
— Аш хIун дийра ду ца хаьа, со-м ИбрахIим вашица Ислам волчу дIагIур ву.
Петр юьхьанцара реза ца хила гIоьртира, Заурбекана новкъарло ян ца лаьа шена аьлла.
— Аш новкъарло йойла дац тхуна. Дадин цIа ду деса лаьтташ. Иза тхан къам махкаха а даккхале дина хилла ду. Цу чохь винера дада, цундела оха дIадоккхуш дац иза. Иза сирла, доккха цIа ду, федералаша доха ца дахь, кхин а бIешерахь лаьттар долуш ду. Шу цигахь Iийр ду, ткъа тхо деца-ненаца цхьаьна кертара керлачу цIа чохь йийр ду. Мегш дуй? ХIан, хIинца къамелашна хан ца йойуш, сихо ян еза, хIумнаш вовшахтухуш. Со машен лаха ара волу — элира ИбрахIима.
Лулахошка цIенон терго еш хила а аьлла, Петр а, Анна а, Борис а шайн хIуманаш вовшах а тоьхна, ИбрахIимаца юьрта дIабахара. Массара а цхьаьна, сихонца чохь гIуллакх а дина, цара мокъа яьккхира кхо чоь. Чохь цIена а, сирла а дара, пеша чохь самукъне лелхара дечиг, адамийн йовхоно хазъйира хIусам, ткъа Исламан а, Борисан а хазахетаран доза а дацара.
Суьйренан пхьор деш, Заурбека доггах баркалла элира Петрана а, Аннина шен кхерчан йовхо цара екъарна. Иза воккха веш вара шен кIант а, берийн бераш а хIинца шена юххехь долуш.
ШолгIачу дийнахь ИбрахIим а, Анна а юьртара школе дахара. Директоре маршалла а хаьттина, ИбрахIима элира:
— Хьан агитаци кхиам болуш хилла хьуна. ХIара Анна Степановна ю — химин хьехархо. Уггаре а хазачу хенашкахь Соьлжа-ГIалара школехь цхьаьна болх бина оха. Жимма хан яьлча гур ду хьуна мел лаккхара ду кхуьнан корматаллин хаарш.
Деналбека лечкъа ца дора шен хазахетар. Цо Аннин куьйг лоцуш элира:
— Сан бIаьрг буьзна хьан доьналлех! Со тешна ву хьан корматаллин хаарша тхан бераш Iаморехь а, кхетош-кхиорехь а, нийсачу новкъа уьш дахарехь а мехала дакъа дуьллур хиларах. Ас хьалхе дIаолу, къаьсттина тхан школерра бераш (школа тхан шиъ ю — тиша а, керла а) чIогIа эсала а, дог цIена а ду, вуо лелаш а дац. ХIара тIемаш бахьана долуш, дешарна тIаьхьа диссина уьш, амма кхузара кегирхой наркоманаш а бац, я зуламе кхийда лууш а бац, царна хила ма деззара хьелашкахь деша а, даха а лаьа. ТIаьхьарчу хенахь, вуонаш бен гина доцу тхан бераш хьаьгна ду школах а, хьехархоша кховдор долчу хаарех а.
Доцца аьлча, со ала гIертарг ду, тхан юьртахь кхин йолчу ярташкахь санна радикальни ойланаш йолу кегирхой бац, цундела хьуна а, ИбрахIимана а атта хир ду тхан берашца а, иштта шайн белхан накъосташа а юкъаметтигаш нисъян а, доттагIалла дIатасса а.

Деналбека кхин совнаха хаттарш ца луш, мел оьшу кехат а кечдина, балха дIаийцира Анна. Цо элира ша тIедогIучу шуьйта дийнахь районни центре а вахана хIорш балха эцар, тIечIагIдийр ду аьлла.
Иштта, цу дийннахь, ИбрахIим а, Анна а хьехархошна а, дешархошна а довзийтира, лаккхарчу классийн дешархойн расписани а хийцира. Школин куьйгаллас сацам бира ИбрахIим дешаран декъехула директоран гIовс хIотто а, иштта цо оьрсийн меттан а, литературин а хьехархочун болх а бийр бу. Анна Степановна лаккхарчу классашкахь химин хьехархо хIоттийра.
Иштта цу сарахь Деналбека пхьор дан чукхайкхинера ИбрахIиман доьзал а, иштта Петр а, Анна а. Деналбекан хIусамнанас Тоитас жижиг-галнаш а кечдина хаза хьошалла дира царна, ткъа иштта церан кIентийн Ахьмадан а, Тамерланан сиха гергарло тассаделира Исламаца а, Борисаца а.

Ислам а, Борис а ИбрахIима иттолгIачу классе билгалвира, Лиза пхоьалгIачу классе яхара. Ткъа ши кIира даьлча, Петр Сергеевич а д1аийцира школе балха. Цкъачунна цунна котельни чохь бен ца карийра меттиг, ткъа цу чохь хьалха болх беш хилларг завхоз а, хехо а вахийтира. И хийцамаш массара а реза хуьлуш, тIеийцира. Иштта, цу ханна юкъахь Петр а, Анна а, Борис а юьртан администрацехь а, Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствехь а регистрацих чекхдевлира юьртан керла бахархой санна.
Шийла Iа а чекхдолуш дара, дахар а жимма а шен хорше доьрзуш дара. Амма ИбрахIиман доьзале сингаттам беара, цIеххьана Заурбек цомгуш хилар бахьана долуш. Шерашца гатдина са, Iевшина тIеман къаьхьо, цхьанхьа гучу ца яьлча юьссур яцара.
ИбрахIимс сацам бира иза Нальчикера больнице охьавижо. Салмане дийхира цо ша районни центре вахча Зарганаца зIене а валий, цуьнга цIа йола аларе. Цхьаъ хилла моьттуш, кхераелла Зарган, кхо де далале цIа кхечира. Амма Заурбек дуьхьал ваьллера цхьанхьа а ваха. ИбрахIиман шен дешича Билал волчу гIала ваха дийзира, цуьнга Заурбекан сацам хицийта. Шичойн шатайпа юкъаметтиг яра. Гергара нахана юкъахь Осмин Билал бен вацара Заурбекана мелла а тIеIаткъам бан аьтто болуш, цуьнга цо ла а дугIура. Могашалла ларъяяре Билала дехара дар бахьана долуш, Заурбекан Зарганца цхьаьна Нальчике дIаваха дийзира. Иштта цаьрца цхьаьна Хеда а яхийтира.
ТIаьхьарчу хенахь цуьнан могашалла а галъяллера, амма иза къар ца луш, дIатийссалора, къаналло шеца деана лазарш ма-хуьллу доьзалах лечкъош. Ма дукха хIума гинера, ма дукха хIума лан дезнера цуьнан шен дахарехь. Ша нана хиларе терра, цо Заурбека ИбрахIим санна цхьа а доьзалхо къеста ца вора, цунна уьш массо а цхьатерра безара, массарех а цхьатерра дог лозура. Хедас чIогIа сагатдора СаьIидана а, цуьнан берашна а. ТIамах а ца кхоьрура иза ишта чIогIа, уьш ца гуш яларах санна. Нальчике яха а цундела сихонца реза ма хилира иза, цигара Германехь волчу СаьIидаца зIене яла шен аьтто хир буй хууш.
Нальчикера республикански больницехь Зарган балхахь хилар бахьана долуш, Заурбек а, Хеда а сиха тIеийцира больнице. Зарганан белхан накъосташа сихонца тIелецира шайн Заурбекан а, Хедан а могашалла юхаметтахIоттор.
Маржа-яI сатийсам! Ма боккха хилла-кх хьан ницкъ, ма къегина хилла-кх хьан серло. Iожалло бал боккхучу, йилбазан Iаьржачу тойнехь а, адаме дикане дог диллийтина дац ахь цкъа а. Мел чIогIа де доьхна виссинчунна а коьрта гIортор хилла хьо. Ткъа дахар сацо ницкъ ма бац эскаран а, цо тIедеттачу герзан а. Иштта кху шатайпа чолхечу, халачу хьелашкахь, ца моьттучу агIор Дала совгIат дира цу шинна — Хьава доьзалхочух яра.
Школера ша мокъа йолчу хенахь Анна Степановна шен ницкъ ма-кхоччу Хьавайна гIо дан хьожура — юуург кечъеш, бедарш юьттуш.
Зама йоьдура, деноша беттанаш а хуьйцуш. Зарганера кехат а деара. Цо хаам бора да-нана хIинцале больницера ара а даьлла, Нальчикера «Голубые ели» цIе йолчу санаторехь садоIуш а ду, дарбане хиша а, Iаламо а церан могашаллина йоккха гIоле а йина, иштта цо дийцира аьхкенан каникулашкахь СаьIида шао хьошалгIа вогIур ву аьлла хаам бина хиларах лаьцна а.
ТIекхечира бIаьсте. Чекхдолуш дара дешаран шо. Лаккхарчу классийн дешархой а, хьехархой а арахецаран экзаменашна кечам беш бара. Школехь хIинца пеш латоран мур чекхбаьлла хилар бахьана долуш, Петр Заурбекан даьхний Iалашдеш а, кертахь оьшу гIуллакх деш а вара.
 

V

Iуьйранна балха воьдуш, ИбрахIимана лулахошкара хезира шайн юьртан эскара гуо лаьцна хилар. Массаьрга а шайн чохь Iе аьллера — йолалуш «зачистка» яра.
ИбрахIим цIа веъчхьана, «зачисткаш» шозлагIа хуьлуш яра кхузахь. Кхеран юрт ларъеш меттигера бахархой бара. Цара ха дара деш я тIемалошкара а, я оьрсийн саьлтишкара а юьртана зен ца хилийта. Амма хIете а эскархой меттигера администрацих тешаш бацара. Ткъа иза а дацара коьрта бахьана — «зачисткаш» шортта аьттонаш лора саьлтишна — къола дан, бехк боцу адам хьийзо, кегий нах дIалеца, юха уьш фильтрационни лагершка кхийсса, царех гергарчаьргара шортта шайна ахча а доккхуш.

Юрт Iадийнера тIебогIуш берг хIун бала бу ца хууш. Масех агIора юьрта чубогIуш бара гIаш а, иштта бронетехникаца а герзах боьттина саьлтий. Царех хIоранца а герз лаха Iамийна, дера жIаьлеш дара.

МаьI-маIIехь хезаш дара юьйлучу яьккхий тоьпийн татанаш. Царех-м массо а воьллера. Уьш дийнахь а, буса а хезаш дара юьртйистехь а, иштта хьуьнхахь а. Хьуьнхахь тIемалой бу бохуш, хIора а буса артиллери яра тIеетташ. Ткъа нагахь санна цIенна а кхетта, адам далар нисделлехь, саьлтийша шаьш тоьхнарг буьрк йолуш санна бен доцуш, олура:
— Бехк ма биллалаш, ца хуъш кхийтира.
Шайн кехаташца дерг галдаьлла доццушшехь, ЗаурбекагIар а бара сагатдеш — хьанна хаьа цу иблисан ялхошна дага хIун догIу? Амма ша дерриге а диканца чекхделира. Цхьа эскархо Петр Сергеевичан коча ваханера шаьш кхуза муха кхаьчна дийца бохуш. Цунна хаьа лаьара уьш нохчаша дIалаьцна, шайна бацош-м бац теша. Церан массо а кехат а, школера а, меттигера администрацера а милицера а справкаш а лерина теллинчул тIаьхьа, эскархо тийшира уьш шайн лаамехь буй а, цхьаммо а бацош ца хилар а.
Цунна чIогIа лаьара нохчийн хIусамашкахь милла карийна а нохчаша вацош цхьаъ каро, хIунда аьлча инарла Маниловс дIахьединера хIора а нохчийн доьзалехь бацош оьрсий бу аьлла, цундела эскархочуьнга а бехк бацара уьш ца лехча а.
«Зачисткаш» ирча тIаьхьало йоцуш ца йиссира юьртана. БерхIитта а, ткъаессана а шераш кхаьчна кегий нах, цхьаьна а кепара тоьшалла а доцуш, тIемалой бу аьлла дIабигира саьлтиша.
ХIинца церан гергарчу нахана хьалха лаьтташ дукха болх бара. Цаьрга хIора а кIантах цхьа эзар доллар ахча а, автомат а, цхьацца гранотомет а ехнера. Амма нехан дацара царна дала а, герз эца а оццул ахча. Цаьргара хьолах кхетачу юьртхоша, гIо дира царна оьшу ахча вовшашхтоха. Эскархошкара пхиъ автомат а, йиъ гранотомет а, эцна, гергарчу наха и герз а, ахча а билгалйинчу меттиге дIалачкъийра. Шайгара эцна долчу цу герзах эскархоша йоккха спектакль хIоттийра — шайна тIемалойн шортта герз карийна аьлла, ткъа иза Россин массо а телеканашкахула а дIа а гайтира.
ТIом болалуш, Путина дош деллера Нохчийчоьхь тIеман декхара дIакхоьхьучарна алапа Косовехь болчарна санна хир ду аьлла — ма-дарра аьлча дийнахь цхьа эзар сом, я баттахь цхьа эзар доллар. Нохчийчоьхь уггаре кIезиг а цхьа бIе шовзткъе итт эзар саьлти ву, эпсараш а, кхин болу эскархой а ца лоруш. Цу тIе тоха догIу хIора дийнахь сацанза Нохчийчу кеманаш хоьхкуш болу тIеман летчикаш а. ХIора баттахь цхьа бIе шовзткъе итт миллион доллар барамехь эскархошна алапа дала Россин аьтто бацара. Делла дош кехата тIехь диссира. Амма Кремлехь некъ карийра и гIуллакх къасто — цара сацам бира Нохчийчоьхь тIеман декхара дIакхоьхьчарна йогIуш а, ца йогIуш а орденаш а, мидалш а яла.
Церан дайша а, дедайша а Даймехкан Сийлахь Боккхачу тIамехь шайн цIийца йохуш хилла мидалш тховса сагIийна санна дIасайоькъуш яра. Амма уьш башха оьшуш ца хиллера эскархошна, царна оьшург ахча дара. Цундела Россин тIеман кхин цхьаъ керла машен кхоллаелира, ткъа цуьнан чкъург хьовзо хьаьгна вара массо а. Эскарехь контрактникаш бевлира. Уьш тIом бан хьаьгна бацара, царна оьшург ахча дара, рицкъа даккха кхин агIо яцара церан. Цундела Нохчийчуьра нийсса ах эскархойх контрактникаш хилира, царех ах лаьцна хилла бара.
Бюджетера лур ду аьллачу ахчанан метта, царна ерриге а Нохчийчоь дIаелира — шайна луург де аьлла, шайна лаахь къола а де, адам а дайа, ткъа бехк оха нохчашна тIе буьллур бу.
Иштта доладелира мехкдаьтта лечкъор. Иштта йолаелира мародерство. Иштта кхоллаелира фильтрационни лагераш. Царех лаьцна Россин журналисткас Политковская Аннас яздора: «Таханлера ерриге а Нохчийчоь дIаюьзна инзаре орнаша — цу чу кхуссуш ву милла а шайна нийса ца хетарг — нохчо а, оьрси а, саьлти а, контрактник а. Юридически маттахь аьлча, и орнаш законаца ца догIуш йина талламан изолятораш ю. Ткъа ма-дарра аьлча юккъерчу бIешерашкахь хилла Iазапан набахтеш ю уьш. Ткъе хьалхарчу бIешеран Россин эпсараша куьйгалла ден кху заманан Гестапо ю иза. Прокуратурас и къизалла тергал ца еш йитарна, сацош нохчий байар а, саьлташна тIехь Iазап латтор а. Тахана Нохчийчуьра эскара хIара боьха къизалла мел йо цхьанна а хууш дац муха, хьенан даьндаргах, хьенан карах велла нене яздинчу кехата тIехь тIамехь велла аьлларг.

Блокпосташа а, фильтрационни лагерша а, шайна хьалха хIиттош яьккхий Iалашонаш ю, иза ахча даккхар хилла а ца Iа. И Iалашо уггаре а хьалха нохчийн къоман доьналла охьатаIо, дерриге а къам сий дайначу кханенга дига, кхин дIа а Россин къизалла бен доцуш ловр йолуш.
ХIан-хIан! Политковская Анна ца гIертара Нохчийчоьхь хуьлуш дерг ша яздечу хенахь нохчийн къоман сий ларда. Цо шен дахарна кхераме доллушшехь, лериначу урхаллаша тоьпаш тухур ю боххушшехь, Нохчийчу а йог1уш бакъ болу хаамаш гулбора, уггаре а хьалха оьрсийн къоман сий ларда. Иза бехке еш, цо лелочунах реза ца хуьлуш берш оьрсийн къоман мостагIий бен хуьлийла дацара. Россехь хIинца бен хIу тоссуш боцу демократически хийцамаш, «патриоташ» бу бохучаьрга хIаллак ца байта гIертара журналистка.
Школехь арахецаран экзаменаш дIаюьйлаелира. ИбрахIим а, Анна а сарралц балхахь хуьлура. Аннас чIогIа сагатдора кеста бер дан дезаш йолчу Хьавах. Кху деношкахь Нальчикера цIа кхача дезаш дара ИбрахIиман да-нана а.
Цхьаьна дийнахь школе веара юьртан администрацин куьйгалхо. Цо массаьрга а дийхира ларлуш хиларе, хIунда аьлча тIаьхьарчу хенахь юьртан йистошкахь мелла федералаш бу нехан цIеношкахь къола деш. Цо хьехархошка а, дешархошка а дийхира хан яьллачу хенахь урамашкахула ма лела аьлла.
 






                Къинан орам

I

И буьйса шатайпа еара ИбрахIиман дахарехь. Цу сарахь пхьор а дина, шен балхана тIевирзинера иза. Цхьацца кехаташ дIасалуьстуш, цIеххьана цуьнан бIаьрг кхийтира стол тIехь Iуьллучу цхьаьна куьйгйозанех. ИбрахIим кхийтира и тетрадь кху стоьла тIехь Хьавас дицдина хиларах. Нехан йозанаш доьшуш хаза дац аьлла сацам а бина, иза дIанехьа даккха ойла хилира ИбрахIиман, амма агIонаш дIалуьстуш, ИбрахIиман цIеххьана тидам тIеберзийра нохчийн маттахь яздиначо…

«…Варийлахь, Нохчийчоь…»

Сел жима йолу хьо, суна даима а яра дерриге а дуьненан меха… хIара деса дуьне-м ца хиллера хьоьца дуста хьакъ долуш. Хьо яра сан накъост а, сан гIортор а, сан кхерч а, сан ирс а, сан лазам а. Соьх ца кхетта хIара дуьне а, со кхета ца тигина хIара зама а, сим санна сайна къахьелча ма сихлой йогIура со хьан лаьмнийн когашка.
Со цецйилина ца йолура хьан доьналлех… даима цхьалха хьуо кху харц дуьненна дуьхьал тиссалуш яра хьо, дикане хьийза я тешаме накъост а ца карош, я хьайн сийлаллин мах хадо, доьналла долу мостагIа а ца волуш.
Хаий те хьуна мел чIогIа хьо Деле йоьхура ас… наха шайна дуьненан рицкъанаш, ниIматаш доьхучу хенахь, ас Деле хьан маршо ма йоьхура. Хьан яртийн ченаш йижинчу урамашка гуьйрено хьоьрсу деши дара сан дахарехь уггаре а боккха бахам. Ас цкъа а ца лехнера хьан ломал дехьара ирс, хьан лаьттахь ца диъна рицкъа а хеттера хьарам…
Ас хастам бо Далла кху заманан майданехь сан кхолламан некъаш хьан лаьмнашка дигарна, хьан т1амарах, хьан орамах цуо со кхолларна. Сингаттамо хьовзийна са бIарзделлачу мIаьргонехь сан лерехь хеза буьрсачу Органан гIовгIа, бIаьргаш хьалха хIуьтту нохчийн юьйцина серийн керташ а, бIаьстенца ломан йистошкахь даьлла тобалкх а, Iуьйранна мокхазан бердашна марахьерча сира дохк а, сийначу стиглахь шен хелхар ден аьрзу а. Ма сих-сиха йогIура со хьан лаьмнашка… уьш а ма дара со санна замано хеназа къеждина.
Цу лаьмнийн кортошка дешийца кхийлина маьркIаже йоьссича, сайна дуьненан Iаламат гича санна ма хетара суна. Ерзо молха ца карийна хьан чевнаш сан дагчохь Iийжара, хьан баланаш сан бIаьрхишца Iийдалора. Хийлозза гIертара со хьан логе Iевдина и аьчка хIоз дIабаста, амма сан ницкъ бацара, сан ницкъ ца тоьура… хьо еза а бохуш хьуна ямарт мел хиллачара суна а ма лецира и кхолха гуо…
Хьоьца яьккхина хIора а мIаьрго а сайн иэсехь йиссийта ма лиънера суна. Иза ца хиллера ларамза — даго цхьа къастар хьоьху суна… хаац со хьанах къаьстар ю — я хьоьх? Я сайн сих къаьстар те со… цундела сайн дахарера хьалхара а, тIаьххьара а весет хьоьга ду хьуна
— Варийлахь, Нохчийчоь, йицлой а къинтIера ма ялалахь!
МостагIий бац хьуна ас буьйцурш… мостагIашна-м заманан йохалла хьан къонахаша чIир лоьхур яра… турпалхойн доь дахь хьан варшаша лехна а, уьш чIир ца оьцуш буьтур бац… Варийлахь хьо къинтIера ма ялалахь цу мостагIашна хьайн цIий хьанал диначарна, цу мостагIашца шуьне а хуьшуш, тишделлачу эппазах хьуо йоьхкинчарна ма ялалахь цкъа а къинтIера. КъинтIера ма ялалахь сийначу Сибрех пана диссинчу хьайн къоман иэс тховса сийзаса диначарна, машарах маршо а хийцина, хьан сирла ламасташ лайн амале дерзийначарна, хьан лаьттахь коша барз ца буьтуш, хьан турпалхойн доь дайиначарна, доьху хьоь ма ялалахь къинтIера, мацах цкъа дайша хьан ломахь таррашца къиссина дин эвхьаза даьккхинчарна, ямартхойх турпалхой тарбеллачарна, варийлахь ма ялалахь къинтIера. Хьо езнарш хьоьх къастийна, дуьненахь баржийна, нехан хIусаман неIаре хIиттийначарна цкъа а ма ялалахь къинтIера, со а ер яц хьуна…»

…Цхьа тамашийна синхаамо дIалецира кийра. Ткъа шо гергга цхьаьна хан яьккхина долу адам тховса, кху Iаьржачу тIеман буса ма-дарра довза яздина хилла. Даима лоьран болх бина йолу Хьава, литературни дашца сел чIогIа уьйр йолуш хилар хиъна а дацара ИбрахIимана.
Церан вовшашца даима а боккха ларам хиллера, амма синойн уьйр шайн цкъа а ю аьлла ца хеттера ИбрахIимана. И йозанаш юх-юха доьшуш, ИбрахIимана ша тховса дуьххьара ирсе хийтира. Хеталора кху йозанаша кхуьнан дахаран рузманан керла агIо дIалистина.
Кхуьнан дахаран тешаме накъост сина гергара а хилла-кх, ткъа цул доккха ирса ма дац. Цхьа деса хетара хIинцалц дIаэхна шераш. Жималлехь санна кийра бохбира цIеххьана леттачу безаман алуно. Амма «…Даго цхьа къастар хьоьху суна…» бохучу дешнаша сагатдойтура. ИбрахIим юх-юха а тIевогIура къаьсттина цу дешнашна. Иза цецваьллера. ХIара йозанаш Хьавас дина весет санна дара. Ткъа стенна йиссина цуьнан коьрте ишта ирча ойланаш? Тахана-кхана дуьненна керла дахар кховдо дезаш йолчу цо Iожаллех, къастарах ойла ян оьшуш ма дацара… Цхьа шийла гIайгIа хьаьдира ИбрахIиман кийра, Хьавас аьлларг боккъалла а кхочуш хила дезаш долуш санна. Цу ойланашка вахханчуьра, чIурам дIабайа а ца ларош, цIеххьана наб кхийтира цунна.

II

Игорьс а, Виктора а цхьаьна шарахь эха шарахь тIеман декхара дIакхоьхьуш йолу подразделени тIаьхьарчу эхашарахь ЧIишки юьртана гена йоцуш дислоцироваться деш яра.
Цигара ЗаурбекагIеран юрт хьаннаш юккъехула чекхваьлча кхо-йиъ километр бен генахь яцара, стратегически пайдехь а яра.
Цу сарахь, пхьор диначул тIаьхьа саьлтий Виктор а, Игорь а, Антон а кхана тIекхочуш долу Викторан вина де дийцаре деш бара. Иза ког хецна дазда оьшуш къаркъа а, цхьацца мерза хIума а яра, ткъа уьш эца ахча оьшура. Цундела саьлтийша сацам бира шайн накъоста Кирилла лелош йолчу бронетранспортера тIехь муьлха а юьрта даха.
Шайн взводера кхин а ши кIант а эцна, саьлтий ижунна аккхарой санна талла арабевлира. Цара хаьржира мелла а шайна генахь йолу юрт, хIунда аьлча уллохь йолчу юьртахь хIорш бевзар бара.
Сатоссуш юхадерза сацам а бина арабевлира саьлтий. Малхбале агIор юьртана йисте кхочуш уьш бекъабелира: кхоъ бронетранспортер ларъян виссира, ткъа кхин берш юьртан йистошкара цIенош долчу агIор бахара. Царех уггаре а тоьлла дерг а хаьржина, Антон а, Виктор а, Игорь а кертах тIехула а кхиссабелла, корана улло бахара. Цу чуьра схьагуш яра дIабан герга баханчу жимачу чIураман серло.
Буьйсанан тийналло лаьцнера Заурбекан керт. Тишачу цIа чохь Петр вара шен доьзалца, ткъа хIинца а корехь серло йогучу чохь буьйшина бара ИбрахIим а, Хьава а, Лиза а.
Цхьа а сама ца велира Виктор а, Игорь а урсаца догIа а даьккхина, чоьхьа ваьлча. Уьш меллаша боданехь ИбрахIим а, Хьава а, Лиза а долчу чоьхьа велира.
ДIаба герга бахана, жима чIурам богучу стоьла тIехь шортта берийн тетрадаш дара Iохкуш, ткъа гена йоцуш лаьттара ИбрахIиман Iасанаш.
Хьава а, Лиза а йижинчу маьнгина уллохь, жимачу куьзганан стоьла тIехь Iуьллура Хьавайн дашо зIе а, ши чIуг а. Викторс меллаша уьш схьа а эцна, кисана ехкира, ткъа Игорь телевизорах тесна видеомагнитофон схьайоккхуш вара, шен автомат пена йисте дIа а хIоттийна. Антоне дIаяла Викторс видеомагнитофон арайоккхучу хенахь, Виктор ИбрахIиман гIанта тIехь кхозучу костоман а, хечан а кисанаш толлуш вара.
Хьава цIеххьана самаиккхира коридорчуьра татанех. Цо гIайби тIера корта хьалаайбира ИбрахIим ву моьттуш араваьлларг. Амма цуьнан бIаьрг кхийтира Игорьс йитинчу автоматах. Иза гича кхераелла Хьава, ИбрахIиман маьнга болчу агIор дIахьаьжира, иза вижина вара, ткъа цунна хьалха, Хьавайга букъ берзийна лаьттара ца вевза цхьа стаг. Хьавас инзаре чIогIа мохь туьйхира. Цу маьхьаро кхерийна Виктор Хьава йолчу дIахьедда, бета тIе куьйг диллина, иза дIасацо гIертара. Хьавас цергаш йоьхкира цуьнан куьйгах, тIаккха Виктора цуьнан коьртах автоматан мукъ туьйхира. Лазийна зуда, маьнги тIера охьаюьйжира. Хьавайн маьхьаро цхьаьнаэшшара самадаьккхира ИбрахIим а, Лиза а. Шен маьнги хьалха лаьтташ эскархо гича, кхераеллачу Лизига сацанза мохь оьхура:
— Дада! Дада!
Виктор кху чохь кхин а боьрша стаг хилар дицделча санна, Лизин бат дIакъовла гIертара. Цхьа минот ца елира иза ша дерриге а хила. Хьава кхетамчохь йоцуш Iуьллура лаьттахь. ИбрахIима шен ницкъ ма бу Викторан коьртах Iаса туьйхира. Иза Лизина тIекхеттачуьра дIа а ваьлла, бертал охьавуьйжира. Лиза араедира. Цу мIаьргонехь чоьхьаваьллачу Игорьс ка туьйхира шен автоматах, амма иза кхосса саьлти ца ларийра. ИбрахIима юьхь тIе буй тоьхна вожийра Игорь. Тассавелла, керчара и шиъ лаьттахь.
— Ма дика кхаьбна хьо, хьакха — ойла кхоллаелира ИбрахIиман.
Игорь къона валахь а, амма ИбрахIим юхаволуш вацара. Вовшех и шиъ тиссалуш, Игоран тIера гимнастерка етIира. Цуьнан некха тIехь шена гучудаьллачо Iадийна ИбрахIим, са малделла, лаьтта охьалахвелира. Игоран кочахь жаIарца цхьаьна кхозура кхо Крушинский Сергейхула Ольгина дIаделла хиллачу дато соьман ах. Цуьнан важа ах ИбрахIиман кочахь дара. ИбрахIиман кийрахь цIе латош, боданехь къегара беттасан кепехь долу даточу соьман ах.
Шен кхолламан бIаьра санна, иза Iадийна хьоьжура цуьнга. Эххар а — хьо мила ву?! — аьлла, къора мохь белира ИбрахIимера. Амма оцу минотехь Игора автоматан лаг озийра.
Нийсса аркъал охьавоьжначу ИбрахIиман куча бухара гучуделира кочах кхозу даточу соьман ах.
Ангали хилла шеллуш долу ИбрахIиман бIаьргаш лерина хьоьжура Игоран кочахь кхозучу соьме, ткъа иза Iадийнера хиллачух ца кхеташ.
— ХIара хIун ю?! — мохь хIинца Игоре белира, амма чоьхьаваьллачу Ислама, Игорьс охьайиллина автомат тоьхна, шен ден чIир оьцуш са деккхира саьлтичун. Автомат охьа а кхоьссина, шеллуш долчу ИбрахIиман дегIана тIекхийтира Ислам.
Чоьхьаваьллачу Борисана гира меттавеана, хьалагIоттуш волу Виктор. Бориса юха а охьавожийра иза автоматан мукъ тоьхна. Жимачу Исламан дагна тховса тIехIоьттинарг ирча а, хала а киртиг яра. Цунна хIинца дIахьаьжча бен ца гира бертал лаьттахь Iуьллу шен нана. Борисан карара автомат схьа а йоккхуш, цо иза лаьттахь керчачу Викторна туьйхира, кхин хьала ца гIатта иза гуттаренна а вожош.
ЦIеночуьра дуьххьара тоьпан татанаш шена хеззашшехь, гIо деха ведира арахь лаьтташ хилла Антон. Ткъа цу ханна юкъахь Петр а, Анна а ларийра Хьава ара а яьккхина, кертахь дIалачкъо.
Ислам ИбрахIиман дакъа, цуьнан маьнги тIе хьала а даьккхина, цунна тIе шаршу а тессина, гIовланга охьа а хиъна Йеса деша волавелира. Ткъа байинчу саьлтийн декъий Бориса аратакхийра. Сиха кхечира Антона дехна гIо. Саьлтиша бен доцуш цIенна тIе герз детта долийра. Борис а, Ислам тIехьашха ара а иккхина, Петр а, Анна а долчу беша велира. Саьлтий шайгара патармаш кхаччолац герз а диттина, шайн накъостийн декъий а эцна дIабахара, БТР тIе а хевшина.
Ислама Хьавайна сагатдора, цунна дагара ца долура ненан коьртара охьауьдуш хилла цIийн тIадамаш, амма Аннас элира цуьнан дог детталуш ду, иза кестта меттайогIур ю аьлла. Петра Исламан шиаъ куьйг къевлина хьа а лоцуш элира:
— Ислам! ДIагIо! ДIагIо лаьмнашка, Ислам… кхин некъ бац хьуна. Цигахь тIемалойх дIакхетар ву хьо! Ма вайта хьуо хIаллак! Цара хIинца тIаьхьа а баьхкина вуьйр ву хьо, я лагере дIавуьгур ву. Вало, хIинццехь дIагIо!
Хиллачух хIинца а буьззинчу барамехь ца кхеташ волу Ислам, воьхна дIасахьоьжура, ткъа эххар а кIанта элира
— Дика ду… нана меттаеъча, дIадийцалаш цуьнга ма-дарра.
— Со а воьду Исламаца лаьмнашка! — цIеххьана вистхилира Борис, саьлтишкара йиссина автомат шен буйнахь а къуьйлуш.
Урамновкъа валийта а ца лууш, шина тIамехь ша ларвина, цхьаъ бен воцучу кIанта тховса аьллачух, дукха ойла ца еш, реза хилира Петр:
— Дика ду, кIант… дIагIо шиаъ. Дала Iалашвойла шуьшиъ.
Гора охьа а лахвелла шен нана а, цунна юххехь Iаш йолу Анна а, Лиза а маракъевлира Ислама. И шиъ мохь тоьхна йоьлхура, ца кхеташ тховса хIун бахьана долуш доьхна шайна, шаьш сел чIогIа тийссабелла хIара дуьне.
Керташца, шайн некъ бацбеш, ведда воьдура ши кIант. Борис Исламана тIаьхьа ца висса гIерташ, уьдура, ткъа Исламана-м хаьара шаьшиъ мича воьда. Церан некъ лаьмнашка боьдуш бара. Заманан йохалла, хийла хIорш санна болчарна кхерч хиллачу нохчийн лаьмнашка, хийла мостагIашца нохчийн обаргаша къиссам латтийначу лаьмнашка…

Ведда воьдучу шина кIентан гIаларт гучура дIадаллц латта а лаьттина, Петр цIехьа ведира. Юххехь ша дерриге а сийна цIе яьлла догура. Цо сиха ИбрахIиман дакъа арадеккхира цIе яьлла догучу цIачуьра. Схьахьевдира юьртара нах, амма дан хIума дацара — цIеран алу марсаюьйлура. Цуо дерриге а юххехь сирла даьккхинера. Вовшашка вист ца хуьлуш, лаьттара массо а, цIе яьлла богучу Заурбекан кхерче лазамца хьоьжуш…

Яьллачу цIеран алу ийнера, стиглахь яьржачу Iуьйренан сийналлица. Цу йогучу анайисте бIаьрг тоха сецира Ислам а, Борис а. Юрт генахь йиссира цу шинна, ткъа цунна тIехула айбелла и сийна кIур хеталора церан сел хьалхе дакъаза даьллачу къоначу дегнашчуьра айбелла бу.
Хиллачо Iадийна юрт набарха яьлла дукха хан яра. БIаьстенан стиглахь са даьржаш, цу чим хилла яьгначу хIусамера юьртана хезира дуьненчу даьллачу беран и шийла мохь. Цу маьхьарца кхайкхадора цо нохчийн къоман хIу цкъа а хедар ца хилар, цу цIеран арц тIехь заманан йохалла дахаран керла беш кхуьур хилар, мостагIийн бIо мел боккха хиларх а, нохчийн къоман дахаре йолу шовкъ нуьцкъаха хилар, цу маьхьарца елхайора цо дуьненчуьра харцо а, адамийн къизалла а. Хьава Эхарте йирзира, кху дуьненна керла дахар а кховдош — цо вира кIант Iийса. Амма хьакъ дарий теша хIара харц дуьне сел доккхачу совгIатна?
 









                ТIеман туьха

I
Вай дала кхерхьара, вай даха а кхоьрур дара.

Хьакъ дарий теша хIара дуьне бер дуьненчу дала? Нохчашна сел къиза еанчу кху заманахь хIун ирс карор ду цу берана? Ша дуьненчу даьллачу дийнахь дех а, ненах а къаьстинчу бера мичахь лаха деза шен къизачу дахаран маьIна? И хаттар лазаме ду, Iийжаме ду, цунна каро жоп а дац.
Кхолладелла хьал бахьана долуш, нохчашна шайн бераш дуьненчу довлар а доккха зулам хетара. Росси санна йолчу, адамийн дахар ши капек а мах ца хетачу пачхьалкхехь вахар дан а дара доккха зулам. Цул совнаха, сел цIаьрмат къиза а, ирча а политика дIакхоьхьуш йолчу цу Россин пачхьалкхехь вахар а, доьзал кхоллар а Дала Эхартехь жоп доьхур долу, деза къа хила тарло.
Цуьнан къеггина тоьшалла ду Россин къоман политикас беш болу болх. Кегийчу къаьмнийн хьашташ цкъа а цхьаьна догIуш хилла дац цу къаьмнийн баланашна тIехь Iедалан мукъ карабеанчу Россин пачхьалкхан урхаллехь болчарца.
Тахана нохчашна иза дика гуш а ду. Уьш кхета шайна боьха цIерш кхуллуш, шаьш хIаллак беш хиларах.
БIешерашкахь дуьйна, ша дуьненчу ваьлчхьана хIора а нохчочунна, уггаре а дукха шен дахарехь хезаш долу дош ду «собар». Собаре хилар дехна нохчийн дайша шайн тIаьхьенашка. Иза уггаре а коьрта весет хилла хIора а заманан муьрехь. Собаре хиларехь карийна нохчашна даима муьлха а бала лан ницкъ. Цу собарах ца воьхначун баьлла аьтто уггаре а леккха ирхенаш яха. Дала шех беллачу тешамца нийсса кховдийна доккха совгIат ду и, буьззинчу барамехь цуьнан маьIна дан хиъначунна.

Кхана-лама и бер гIеметтахIоьттина дахаран новкъа даьллачу дийнахь хIун эр ду цуьнга? Сел къиза мостагIаша хIара вина нана йийначу дийнахь, шен кIентан карах кхуьнан да веллачу дийнахь, вашас ваша вийначу дийнахь дуьненчу даьллачу бере хIун ала деза? Шен халкъан цIий Iанош, Iедале политикаша некъ буьллучу, заманан къизачу муьрехь дуьненчу даьллачу беран дог эца хIун дешнаш каро деза?
Шайн Iалашоне кхача дипломатин ницкъах пайда эцарах шайн философин лард йиначу наха хIун эр ду цу бере?
Амма цуьнан хаттаршна жоьпаш луш цхьа а хир вац. Жоп даларан метта иза тоьпаш тоха пена йисте хIоттор ву.
ХIун кхане кховдор ю цу берана даима цуьнан къомана тIехь ницкъ латтош йолчу пачхьалкхас? Дика нохчо — велла нохчо бохучу ойланца шен политика дIакхоьхьуш йолчу пачхьалкхехь цу кханенга вер мукъне а вуй те иза?
Кавказан тIеман муьрехь дуьйна, юха СССР йолчу хенахь а, юха хIинца Россин Федераци а хилла, демократически васте йирзинчу цу пачхьалкхан даима а цхьа лаам хилла — нохчийн къомана тIехь олалла дар! Иштта политикас нохчийн къам охьатаIош, цуьнан барт бохош, цуьнан юкъаралла тайп-тайпанчу социальни тобанашна йоькъуш болх бина.
Тейпанашна юкъахь вовшийн мостагIалла лело чкъураш кхолла гIерташ, церан Iалашонехь дара нохчийн юкъаралла барт бохийна, яржо.
И тайпа гIуллакхо аьтто лур бара цхьа тайпа кхин тайпанал тоьлла хилийта, ткъа иза нохчийн къомана юкъахь цкъа а хилла а, я хилла мегаш а хIума дац.
Цундела, бIешерийн кийрара схьадеанчу Iадата гIо дира мокхазан берд санна чIогIа йолу нохчийн къоман син-оьздангалла ца йохийта а, Кремлехь сатийсина долу тейпанашна юкъара мостагIалла ца хилийта а.
Цундела Россис керла некъ лехира шен массо а баланийн куьйг бехкениг каро, ткъа и баланаш-м цунна шена чуьра схьаоьхуш бара.
Говза бахьанаш а карош, нохчийн къомана тIехь къизалла латто шена бакъо яьккхира Россис. (Росси бохург иза дерриге а оьрсийн къам бохург дац, и гIуллакх кхочуш деш берш тIеман партера а, иштта Iедалах хьаьгнарш а бу)
Куьйгбехкениг карийра — иза дерриге а нохчийн къам дара — жима а, воккха а. Уьш массо а хилира зуламхой а, бандиташ а, ваххабисташ а, сепаратисташ а, террористаш а.

Россин дукхох болчу бахархошна Нохчийчуьра антитеррористически операци дIаяьлча, нохчаша мел беана бала чекх а баьлла шаьш ялсаманехь санна даха ховшур ду бохург бакъ дац, нохчий бехке хилар санна…
Нохчий цкъа а гома хилла бац оьрсийн къомаца. Цара лоьхург Россин пачхьалкхера маьрша даха бакъо ю, шайн бакъонаш а ца йохош, цуьнца доттагIаллин юкъаметтигаш а лелош. Ткъа цу пачхьалкхан патриоташ бу шаьш бохучеран хIилла мацца даьлла а гучудаьлча босса мега Россина а, Нохчийчоьнна а юкъа сатийсина машар.
 
II
Сийна цIе яьлла догучу шен цIенога а хьоьжуш лаьттачу Исламан ойланаш юкъахъехира вистхиллачу Бориса:
— ХIан! ДIаэца, хIара Ислам — цо схьакхийдадора зIенна тIехь кхозу даточу соьман ах — ас хIара ахь вийначу эскархочунна тIера схьадаьккхина. ХIара хьан ден хилла ду, цо ИбрахIим вашинна тIера схьадаьккхинчух тера ду хIара.
— ХIун ю и? — цецвелира Ислам — мичара даьлла хьуна и? Дадин иза хуьлийла дац, дада леш, цуьнан кочахь ма дара и сом. Ткъа кхузахь зIе а кхин ю…
— Ца хаьа, Ислам. Хьуна хетаделла хир ду… Суна дика дагадогIу айса саьлтичун дакъа аратакхош, хIара зIе схьайоккхуш цунна тIера… ахь вийнарг вара иза.
— ХIара ма тамашийна хIума ду. Тера а ду дадин хиллачунах. ВаллахIи цхьаъ цIена дац кхузахь — цецваьлла хьоьжура Ислам, дато соьман ах шен карахь ловзош — цкъачунна хьайгахь дитахь иза, тIаьхьа цхьаъ дийр ду вай. Вайшиммо сихо ян еза, са хуьлуш ду вайна.
Шина кIанто юха а дIабаьхьира шаьшиммо арабаьккхина и чолхе некъ. Цу шинна ца хаьара боккъалла а хиллачун къаьхьо мел йоккха яра…

СаьIид Германера цIа веара ИбрахIим а, Хьава а дIадоьллинчул тIаьхьа. И шиъ даларо юрт хилла ца Iаш, ерриге а республика а Iадийнера. Адам даларо цхьа а цец воккхур воццушшехь а, хIете а хIара чIогIа инзаре а, лан хала а долу вуо дара. Ма шатайпа яра цу тезетахь лаьттачу адамийн яьххьаш. Мел боккха бала а, мел доккха вуо а бен доцуш тIелаца кийча хилар гуш дара церан шийлачу сибаташкахь.
Шен урамашкахь ког хецна лела Iожалла ца гинарг, безначех къастаран лазамо дог ца Iовжийнарг, хин долчунах ечу гIайгIано са бIарздина ца хьовзийнарг инзар вер вара цу адамийн яьххьаш гича.
Адамийн дегнаш шелдина и къиза тIом сецна бацара — деш къола дара, бойуш нах бара, бехк боцуш дIалоьцуш, тIепаза дойуш адам дара. Уггаре а доккха ирс хьайн стеган дакъа дIадолла аьтто балар хетара.
Кхузахь а — ИбрахIиман а, Хьаван а тезетахь дукхох болчу баккхий наха билгалдоккхура АллахIа къинхетам бина хилар. Мел дукха нах бу карарчу хенахь тIехIотта кошан барз а боцуш, тIепаза байна.

ИбрахIим а, Хьава а гIазотехь кхелхинарш санна дIадоьллира, хIунда аьлча и шиъ кху махка тIом бохьуш баьхкинчеран карах делла долу дела. Заурбекан керта сацанза оьхура адамийн яьккхий тобанаш. Иза собарах ца воха гIерташ лаьттара, ма-хуьллу шен лазам адамех лечкъош.
Цунна ца хаьара боккъалла а муха нисделла шен хьомечу кIентан валар, ткъа хиъча-м тамаша бара цуьнга иза лалур делахь. Лазаме дара Хьавайн ялар. Шен берех ца къастош, дукха ма езара иза Заурбекана.
Тезетан шолгIачу дийнахь ЗаурбекагIеран керта еара шайн коьртехь нохчийн холхаза куй а тиллина, кIайн маж а йолу цхьа къано а волуш адамийн йоккха тоба.
Массо а хьалагIаьттира ларам беш, и адамаш тIеэца, ткъа цIеххьана царех бIаьрг кхетта Заурбек массо а цецвоккхуш кертара цIийнна тIехьа дIаведира. Цхьа а кхеташ вацара хилларг хIун ду, ткъа тобанна хьалхаваьлла къано, шен карара Iаса охьа а кхоьссина, Заурбекана тIаьхьа вахара.
Массо а цецваьлла ца волура цу суьртах, ткъа хиллачух кхетта болу цхьа болу баккхий нах вовше шабар-шибар дан буйлабелира. Масех жима стаг Заурбек а, и къано а волчу агIор дIаваха тохавелча, Заурбекан гергарчу стага ишар йира цаьрга ца оьшу аьлла. Дукха хан ялале,
Дукха хан ялале гучувелира и воккха стаг, шеца цхьаьна белша тIехула пхьарс а баьккина, Заурбек а валош. Охьаоьхучу бIаьрхишца къаночо бохура Заурбеке сел къиза делалчу хьайн кIентан а, несан а тезетара соьх ида оьшуш ма вацара хьо.
Дагна лан шатайпа хала сурт ду божарий белхар, амма кхузахь хилларг дагах ца кхеташ ца виссира я жима а, я воккха а.
ХIара хилла вуо а дицдира адамашна Заурбека гайтинчу гIиллакхо — и къано хьалха а волуш, еана адамийн тоба Заурбекан чIирхой ма хиллера. Цхьаммо а ца лечкъадора шайн бIаьрхиш. Тховса белха эхь дацара — цу бIаьрхишца цара сий деш ойура нохчаллаа, Iадат, син-оьздангалла, гIиллакх. Ойла йина ца валлал доккха хIума дара иза! Ах бIе шо хьалха шен карах веллачу стеган нах шен вуоне баьхкича, цаьрца долу эхь-бехк лардина кертах ваьллера Заурбек. Шега деанарг оццул доккха вуо доллушшехь, цаьрца долу гIиллакх лардира Заурбека. Иза дара и заманан йохаллера схьадеана лаьмнийн лийр доцу гIиллакх. Ткъе пхи шо хьалха и стаг шена витина воллушшехь а, цу нахана кхин ша гайтина вацара Заурбека. ХIора а ламазехь цо шен карах веллачунна Ялсамане а йоьхура, шен геч дар а доьхура.
Къаночо маракъуьйлура корта охьатаIийна, чIирхойх шен юьхь лечкъош лаьтта Заурбек. Цкъа мацах мостагIа хилла шиъ тховса, вовшен дог эца гIерташ лаьттара. Хилларг хIун ду ца хууш болчара хетта а ца хоьттура, хIунда аьлча уьш кхетара къонахий атта боьлхур боций…

Къонахий белхарна дегош ду моьттура латта, ткъа иза дегош дара дийнахь а буса а мостагIаша тIедеттачу герзах.
Цхьаьна Россин инарлас аьллера: «Къар ца луш долчу къомана таIзар дан Советан Iедалан заманахь дуьйна ца лелош диссина герз — снарядаш а, бомбанаш а тIеясо еза». Маьрша заманахь цу герзана утилизаци еш шортта ахча дер дара, ткъа хIинца дика бахьана даьллера.

СаьIидана шен да ца вевззал хийцавелла а, цомгуш а карийра. Нана-м собарах ца йоха гIерташ, тийссалора дахарах, амма лазамо бууш бара цуьнан кийра. Иза шен цIийнден а, кIентан а, йоьIан а дог хьаста гIертара, амма мокхазан берд санна чIогIа хилла Заурбек гуш лаьтташшехь кIел вуьссуш вара.
Бутт сов хан яьллера иза цхьаьнга а вист ца хуьлуш. Юучух а, молучух а кхеташ вацара. Сацанза Деле доьхура цо ИбрахIимах а, Хьавах а къинхетам баре. Ма чIогIа езара цунна Хьава. Цкъа а дашца а шен мардена а, марнанна а цатам бина йоцу и кхарна шайн хьоме доьзалхо ма хетара даима. Ца кхетара Заурбек, хIунда буьгу Дала дIа уггаре а тоьлларш, боьхалла дуьненчохь а юьтуш.
СаьIидана ца хаьара ша хIун дан деза. Ша Германе дIавахарна, вас хилла ву моьттура цунна шена Заурбек. Амма иза ишта дацара. Заурбекана хаза хетара СаьIид шен доьзалца, кху дуьненан жоьжахатана гена ваьлла. ИбрахIим валарах цунна бехк шен хетара. Ша цо боххучу хенахь дIаваханехь, ИбрахIим тховса дийна хир ма вара. Заурбек кхетара ИбрахIим да-нана бахьанехь цIа веъна хиларах. Ткъа юха наг-нагахь коьрте цхьа кхин ойла а юссура — хIетахь жималлехь ларамза ша адам дерна хилла бекхама-м бац те хIара?
Заурбекан дог эца а, тем бан а ницкъ кхочур бацара цхьаьнан а. Цо сатуьйсург цхьаъ дара — сихха Эхартехь ИбрахIимах дIакхетар. Де доьхна, са бIаьрзделла, балано гатвиначу цуьнан цхьа самукъа диссинера — жима Iийса. Хедас шена иза схьавеъча, цо кара а оьций, дуккха а хан йоккхура, иза хьоьстуш. Хьалха, ша ИбрахIимаца санна цо дехха къамел дора цуьнца адамийн мехаллех, дахаран маьIнах лаьцна дуьйцуш.
Бутт кхаьчначу беран лерехь йостура цо шен деган къайленаш, жимачу Iийсага вуьйцура цуьнан да, иза шен мел веза а хьоме а вара а. Ткъа Iийса-м дедас дуьйцучух ша кхеташ санна, шен боккха ши бIаьрг тIе а бетташ, ладугIуш Iара, ткъа юха денден карахь наб кхетара берана. Заурбек тешара ша дийцинарг цо дIалоцур хиларах, цуьнан кхетамехь иза дуьссург хиларах. Iийса дIавигча, иза юха а шен доIанашка воьрзура.
Цхьаьна сарахь Заурбека СаьIид тIекхайкхира шена — ша иза хьалагIатталуш вацара. СаьIид чоьхьаваьлча, Заурбек гIора схьадеъча санна, сирлаваьлла тIе бос беана вара. Цо хаьттира кIанте:
— ХIуммаъ хиъний хьуна Исламах а, Борисах а лаьцна?
— Кеста схьакарор ву ваьлла соьга и шиъ.
— Дада, ас ахь аьлларг дийр ду, амма цхьажимма юуучух кхета везар-кх хьо.
— Дика ду… кхетар ву… вало нана схьакхайкха. Со ламаз эца дезаш ву. Са ма гатде. Со тахана дика ву. Вало…
СаьIида ара а ваьлла, нана схьакхайкхира.
Заурбека ламаз а эцна, ламаз а дина, юха шена Iийса схьава элира. Хьалха санна дукха ловза ца вира цо кIентан кIант. Оба а яьккхина, дIахьо элира Петр а, Анна а долчу. ХIинца уьш массо а даганза диссинчу, тишачу цIа чохь Iаш бара.

Заурбека Хеде пхьор деш, ша волчу чохь стол а кечде, массо а схьакхайкха элира.
— Нагахь санна политикаш тхо юха а герзан татанца кхеро гIертахь, царна моьттург бакъ дац — элира Нохчийчоьнан президента ультиматуман хьокъехь.
Россин Федерацин Чоьхьарчу гIуллакхийн министра Степашин Сергейс дIахьедира Росси а дагахь яц и тайпа шайн цIе сийсаза ен къамелаш лан аьлла. ТIаккха, хетарехь Россехь министра къастош хилла-кх машаран а, тIеман а хаттарш. Цунах цецволийла а дац. Шендоровича Iоттар ма йирра, Ельцин вижина волчуьра, Степашин волчух тера дара дара цуьнан озаца къамел деш.
Степашина тийссиначу кхерамашна тоьшалла деш, Нохчийчоьнан дозане эскар схьаоьзнера. Республикин юха а гуо лецира. Авиационни хаам а сацийра, иштта кестта дIакъовла дезаш дара аьчка некъаш а. Соьлжа-ГIалара Москва дIабахара федеральни Iедалан векалш. Важа тоба Масхадов Асланан теш биначу нехан колонна цхьаьна а йолуш автобус тIехь дIахьажийра.
— Ма дика ду-кх хьо меттавогIуш — хазахетарца иза а аьлла, суьйренна кечам бан яхара Хеда.
ИбрахIим а, Хьава кхелхинчул тIаьхьа, дуьххьара еара кху хIусамехь ишта шатайпа йовха суьйре. Петр а, Анна а, СаьIид а, Хеда а, Лиза а, Зарган а, цомгуш воцуш санна, ша хьалха ма хиллара самукъне Заурбек а. Иза ишта тIах аьлла гуш, мелла а гIайгIане яра Хеда, ткъа Петр а вацара башха реза. Заурбек тIаьхьарчу хенахь цкъа а ца хиллачу кепара къамеле ваьллера.
Дагалецамаша самукъа даьккхинера цуьнан. Цо хазахетарца дуьйцура шаьш Петраца а, Борисаца а, Исламаца а йол ян даханчу хенахь шайна хиллачух лаьцна. Петр шега кхин болчара лаьттара шаданшца схьакхийдош йолу йол схьалайоккхуш вара. Амма элан холана юккъахь зIуганийн бен хилла. Шаьш меттахдаьхна оьгIаз даханчу цара ю етта долийра массарна а. Петра дIахаьхкира шен ворда, амма зIуганаш кхин берш Iадда а битина, къаьсттина Петран коча дахара. Массарел а дукха ю цунна йиттира. Ши кIант а, Заурбек а кIелхьаравелира, элан жима курсах цIе а латийна, иза дIасалесторна. Петра царна кхин тIаьхьа ца веара, ткъа уьш гIаш цIа бахара, йол шолгIачу дийнахь бен дIа а ца яьхьира, амма Петр а воцуш баха дийзира иза схьаян.
Дийца а, дагадан а шортта хIума хиллера. Маржа-яI дагалецамаш! Муьлха а балано хьовзийча, яханчу заманера дагадан хIума хилча, ма доккха молха хуьлу цунах, деган чевнаш жимма а ерзо. Уьш бехха Iийра, буьйса юкъаялалц, хилларш, дIаэхнарш иэсехь луьстуш…
Цу буса бакъ дуьнене вирзира Заурбек…
ТIаьххьара хиллера цу сарахь доьзална цо кховдийна шен йовхо. Сингаттамо, гIайг1ано, къастаран лазамо дуткъиначу деган кхин дIа деттадала ницкъ ца тоьира. Дела ша воцучунна ца хаьа ИбрахIим а Хьава а делла и вуо ца деанехь, иза кхин мел вехар вара. Амма иза кIелвиссаран коьрта бахьана дара цу къизачу буса цуьнан кертахь баьлла и ирча бохам. ИбрахIим а, Хьава а коша дахана далале, боьха меттанаш дуьйладелира шайн болх бан, Заурбекан чIирхошна тIехIисбина хила тарлора цу буса баьхкина хилларш бохуш. Цул боьха, сий доцу эладитта Заурбекана шен дахарехь хезна дацара. Доган дерриге а тайпано, Делан шен доьхьа шайн стеган цIий хьанал динера цунна. Уьш хIинца мостагIий бацара. Заурбек витинера чIирхоша. Наха дика цIе йоккхучу Догин тайпано цкъа а могуьйтур дацара шайгара и санна дерг далийта. Цкъа чIир йита а йитина, ткъа цул тIаьхьа Делан дош а, Iадат а дохош, и санна дерг дина цIанлур доцу къа муха латор дара?
Заурбек тешна вара къола дан чулилхина саьлтий ИбрахIимана тIе а нисбелла, хиллий цу буса хилларг. Замано хийлозза къа ца хеташ зийна волу и воккха стаг Эхарте вирзира, ИбрахIим шен кIентан карах веллий а ца хууш.

Заурбекан валар боккхачу лазамца тIеийцира иза вевзаш мел хиллачара. Тезет дIадирзинчул тIаьхьа а, сацанза оьхура цуьнан доьзале кадам бан нах. Арахь боьдуш тIом боллушшехь, юьртара юьрта а, гIалара гIала а ваха маьрша доццушшехь схьаоьхура нах. Амма кху тIаьхьарчу шерашкахь адамийн дегнашчуьра кхерам дIабаьллера. Уьш кхеро хIуммаъ кху дуьненчохь диссина дацара, цундела царна лаьара шайх къастиначеран тезетехь латта.
Миска-яI Хеда! Сел хазачу аматехь, товш хилла зуда нийсса ши бутт балале, къаналло охьатаIийра. Букар яхана, дуьненан самукъах хаьдда, йоккха стаг санна Iаш яра иза. Наггахь Аннин аьтто болура иза къамеле яккха, жима Iийса ша цунна гайта валийча. Хеда йоьлхуш а яцара. Массо а бIаьрхи лекънера. Иза якъаеллера, хин тIадам боцуш диссина дитт санна. Аннас иза мара а къовлий, олура:
— Елхахьа, Хеда, йилхича гIоле хир ю хьуна.
Амма цуьнга елха ницкъ бацара… я елха а, я дуьненчохь яха а.
Кху шина баттана юкъахь кIора санна Iаьржа хилла СаьIидан корта а ло санна кIайбеллера. Шовзткъе пхи шо бен кхаьчна воцу иза цхьаьна мIаьргонехь воккхачу стеган кепе вирзира. Хийлозза ша ненан са тедеш, кеста ша иза кху махкара арайоккхур ю бохуш дуьйцучу хенахь, СаьIид кхетара шен дешнаша цунна ян гIоле йоций. Амма хIете а иза а, Зарган а гIертара жимма а шайн ненан кийрара дахаран цIе ца яйта. ХIинца и цхьаъ бен ма яцара церан доккхачу дуьненахь сина а, дагна гергара стаг. Ма ца моьттучу агIор доьхнера цу доьзална хIара дуьне. Нохчий хилларрий бен кхин бехк боцучу церан дахар, сел кIоршаме, сел къиза кагдира, кхайкхаза церан махка баьхкинчу мостагIаша.

III

Заурбек дIавоьллина нийсса ши кIира далале, Хеда а дIаяхара дуьненчуьра. Шен тешам а, безам а байна хIара дуьне атта дитира цо.
Ша ялале хьалха Анна къинтIера яьккхира цо шайн доьзалах кхетар бахьана долуш, Борис лаьмнашка дIавахарна. Ткъа Аннас-м элира шен кхин а итт кIант хиллехь а ша уьш Ислам воьддучу дIабохуьйтур бара аьлла.
— Шун доьзал бевзичхьана дуьйна, ма бевзира суна дахаран бакъ болу чам… аш хаийтира муха хуьлу адамалла, дикалла, комаьршалла, вай цхьана декъна рицкъа, вай цхьаьна лиъна бала а, хазахетарш а цу дерригено а мел доккхачу маьIнех дузийра тхан дахар — элира Аннас.
Анница ишта лагар дуьйцучура, наб кхетта Хеда кхин сама ца елира.
Хеда дIайоьллина дукха хан ялале, Анна а, Зарган а мел оьшу справка а гулъйина, кIоштан администраци яхара, Iийса вина тоьшалла схьаэца. Цу шинна и гIуллакх ша мехах дийр ду аьлла шена тIелаьцнера церан юьртхочо Дземас, амма халахеташ делахь а иза дийнна юьртана Iаьпшашца гIараваьлла вара, цундела Заргане ша кхочуш дийр ду аьлларг а кхин ца деш, къайлавелира иза.

ХIинца массо а хьукматашкахь оьрсий бара Iаш, церан пурба ца хилча цхьа а кехат а дацара луш. Царех цхьаммо ирча Iоттар йира кхарна:
— Хьажахь, байича а кхачалур болуш ца хилла хIорш-м. ДогIа деанчул тIаьхьа, жIаьлин нускалаш санна дебаш бу. Ткъа цо аьллачун тIетайра кхин верг:
— ВаллахIи бу-кх дукха чIогIа дебаш, хIара тоьшаллаш кхарна дIадала а ларош ма дац вай.
— Баларан тоьшаллаш а дац хьуна церан-м хIуммаъ кIезиг — къамеле велира кхоалгIаниг.
Амма Анна Степановнас стоьла тIе пхи бIе туьма охьадуьллушшехь, тIеман духар дуьйхина волчу цхьаммо, кхин совнаха къамелаш ца деш, яшкичуьра кехат схьа а эцна, иза язда волавелира.

Сел чIогIа дас-нанас шен дагчохь кхиийна хилла СаьIидан собар кхачийнера. СабIарздаларо кхачийнера и собар, кхетам а юхабаьллера, хIинца цуьнан дагчохь, дас оццул чIогIа ларлолахь баьхна долу оьгIазлой, цабезамий бен ца биссинера. Шен доьзалан, шен дерриге а къоман дахар цхьаьнаэшшара сел къиза хIаллак динчаьрца бара цуьнан дагчохь и цабезам а, оьгIазло а.
Цхьаьна сарахь, СаьIид волчу керта ведда веара лулара жима кIант:
— Ващи! Ващи! Шуьца Iаш волу гIазкхи саьлтиша дIавиги хьуна, БТР-ана тIе а хаийна!

Петр юьртара жимачу базара ваханера шен цигаьркаш эца, цигахь тIеIоттавеллачух тера ду и, жIаьлеш санна дарбелла, хьанна коча гIур бу ца хууш, лелачу саьлтишна. Ишта цара милла а дIа а вуьгий, фильтрационни лагере кхуссура. Нагахь санна сихонца гергарниш орцах ца бевлча, ишта дIабигна болу нах тIепаза бовш бара. СаьIид сихонца шен гергара стаг Ахьмад волчу а вахана, цуьнан машенахь эскархойшна тIаьхьакхиа вахара Петр дIавигначарна. Церан дика гIуллакх хилира — зударша базарахь кхаьрга аьлла номераш йолу БТР юьртара араволучу хьалхара блокпостехь яра.
СаьIид эскархошна тIевахча, цара хаьттира:
— Айхьа вацош волу хьайн ялхо дIавига веъний хьо?
Кхин цаьрца къисса ца луш, СаьIида хаьттира:
— Мел деза шуна?
— Цунах цхьа эзар доллар, юха хьайх а ло ши эзар доллар, охьа хьуо оьрсий вацош ву аьлла дIа ца вигарна. Кхахь-кхахь-кхахь! — гIадъвахана воьлура саьлтишна юкъара цхьа ургIал.
Амма цхьа дика, оцу минотехь райцентрера блокпост йолчу агIор кхо-йиъ машен еара. Уьш хиллера юьртан администрацин куьйгалхо Демилханов ДжабраIил а, совхозан директор Турпалов Леча а. Царна СаьIид дика вевзаш хиларна, уьш севцира, юьртхочунна гIо оьший те аьлла. СаьIида ша дерриге а дIа а дийцина, Петр маьршаваьккхира.
ШолгIачу дийнахь СаьIида массаьрга а новкъадовла кечам бе элира. Петр а, Анна а, Зарган а Лизица а, Iийсаца а Нальчике дIабахара. СаьIида Заргане ахча делира, юхьанцара Петр а, Анна а цуьнга дIатарбайта. Ткъа ша СаьIид кхин цхьаьнга а хIуммаъ ца олуш, лаьмнашка вахара Ислам а, Борис а лаха. Цо сацам бира ши кIант мичахь ву талла Iалашонца, муьлхха а тIемалойн тобанах дIакхета.
Ши бутт балале СаьIид Закаев Ахьмада куьйгалла дечу тIемалойн тобанна юкъахь вара. Иза талламан урхаллин куьйгалхочун гIовсан дарже хIоттийра. СаьIида тIетаьIIина дIахьош дара Ислам а, Борис а лахар. Цуьнга цхьацца хаамаш кхечира ши кIант Аль-Азиз-Хаким бохучу Iаьрбойн цхьаьна эмиран тобанехь а ву, цу тобано федеральни эскаран меттамот болчохь террористически акташ кхочуш дайта камикадзеш кечбеш а бу аьлла.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон органашкахь дуккха а шерашкахь белхан зеделларг а, корматаллин лаккхара хаарш а хиларна, СаьIидан аьтто болура кхолладеллачу хьолан нийса мах хадо.
Тобанера цхьацца берш СаьIидах хIинца а дика тешаш бацахь а, Закаев Ахьмад иза цу дарже хIоттош, тешна вара СаьIид шена а, шаьш арабаьккхинчу некъана а цкъа а ямарт хир воций. Цул совнаха, и шиаъ цхьаьна тейпан чIинхо а вара, юкъараллехь лоручу, наха дика цIе йоккхучу тейпанашкара а вара. Цундела шайн муьлхха а цакхетар хилча, цу шиммо иза шалхонаш йоцуш шаьшиммо къастор ду, ткъа мекара ямартхой массо а къомехь а, доьзалехь а хилла бу, хир а бу, уьш къасто хала а дац.

IV

ТIекхечира гуьйре. Тобанан лагере цIа вирзира дозанал арахьара пачхьалкхашка вахана хилла Закаев Ахьмад. Дукха хан йоцуш хьалха, иза цхьаьнакхеттера Республикин Президентаца Масхадов Асланаца. Масхадовн куьйг кIелахь болчу, цунна тешаме болчу дуккха а полевой командираша дакъа а лоцуш дIаяхьанчу генеральни штабан кхеташонехь дийцаре деш дара Россин Федерацин хьаьрмахь Россин лериначу урхаллашца цхьаьна радикалаша террористически акташ кечдеш хилар.
Масхадовс дийцира, талламан хаамашца цхьа керла ваьлла эмир хиларах лаьцна. Цо цхьаннех а дага а ца волуш, сацам бина Россехь, билггал Москвахь камикадзешка масех къиза терракт дайта.
— Вай террористаш дац! Вай вешан маршо ларъеш ду! — элира Масхадовс — вай оьрсийн къомаца тIом беш бац, вай пачхьалкхаллин къизаллица тIом беш ду, ткъа иза нохчийн къомана санна, Россин дерриге а халкъашна бале яьлла ю. Маьрша адамаш дойуш болу террористаш вайн тобанашкахь бац, я хила йиш а яц. Вайца бу шаьш а бохуш, амма дуьненан юкъараллина хьалха юьхь вай Iаьржа хIоттош, вайн боьха цIерш кхуллуш берш билгал а беш, хIаллак бан безаш бу. Ас омра до массо а лериначу урхаллашка а, полевой командирашка а вайн цIарах кхочуш дан гIерта и цIий Iанор ца хилийтар а, цунна жоьпаллехь мила ву таллар а! — дерзийра шен къамел Масхадовс. Ткъа цул тIаьхьа кхеташоно кхин дIабехьира шен болх — жамIаш а довзуьйтуш, тIедогIучу Iаьнна кечам бар дийцаре а деш.
Масхадовца цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа, Закаевс шен лагере схьа а веана, тоьланехь вовшахтуьйхира шен куьйг кIелахь йолчу массо а тобанийн командирашца а, шен тешаме болчу тIемалошца а оперативни кхеташо. Цара дийцаре дира, Ичкерин тIеман эскаран генеральни штабе Москвахь хила тарлучу террористически акташах лаьцна беана хаамаш, ткъа уьш кечъеш берш Ичкерин куьйг кIелахь бац. И гIуллакх таллар ма-дарра таллар Тасуев СаьIидана тIедожийра Закаевс. Цо дийцарехь, кестта нохчийн делегаци ПАСЕ декъашхошца цхьаьнакхета езаш ю, цундела вайн цIарах цхьа а провокаци хилийта мегар дац аьлла.
— Иза омра ду! И кхочуш даре хьаьжжина хир бу нохчийн къомана юьхькIам — элира Закаевс.
Дог даьттIа СаьIид хьалаиккхира:
— Вай хIинцалц мичахь дара шу? ХIинца бен ойла хIунда ца йина аш нохчийн къоман юьхь Iаьржа хила еза, я кIайн хила еза? Мичахь дара шу хьалхара тIом чекх а баьлла, нохчийн къомо шен дахар шайх тешийначу хенахь? Мичахь дара шу бехк боцу адамаш лечкъош, дойуш, зуламо республикин лаг лаьцначу хенахь? ХIетахь хIунда ца йира аш ойла юьхьIаьржа хир ду вай я дац дуьненан юкъараллина хьалха? ХIетахь шуьйрачу хаамийн гIирсаша вайн къомана сий мел доцу цIе кхуллучу хенахь хIунда ца девлира шу орцах — президент а, шортта вице-премьераш а, нуьцкъаллин структураш а?
Стоьла хьалха Iаш болу полевой командираш а, Закаевн къайлах урхаллин векалш а цецбевлла, шаьш хIун дан деза ца хууш Закаевга хьоьжура, ткъа юха СаьIиде. Закаев-м шен рогIехь вист ца хуьлуш, СаьIиде ладугIуш вара. Гулбеллачарех цхьа а къамелана юкъа эккхаш вацара, Закаев вистхиллалц.

Ткъа СаьIида-м шен къамел дIахьош дара:
— ХIунда бу таханлерачу дийнахь президента аьлларг деш боцуш, цуьнан куьйг кIелахь боцу ницкъаш? Муьлш бу уьш? Мичара бевлла уьш? Даима вайга хIунда кхочу, вайн барт бохош, зулам дохьуш, мичара бевлла ца хуу нах? Федеральни эскаран къизачу чкъургаш буха вайн къам къуьссуш йолчу цу тобанашна президента хIинца а тIом хIунда ца кхайкхийна? Вайн къоман юьхь а, цIе а бехъелла дукха хан ю. Вай чуьра дуьйна цIан ца лахь, федералашца мел чIогIа тIемаш даро а кIелхьара доккхур дац вайн къоман сий. Со цхьаъ дан ара валахь а, ас иза хьан дуьхьа а, Масхадовн дуьхьа а дийр дац! Ас иза бехк боцуш мел веллачун дуьхьа, тахана мацалло а, шелоно а кIел витина мел волчун дуьхьа дийр ду!
— Аьлла ваьллий хьо айхьа олуш дерг? — хаьттира Закаевс. ТIаккха ас кхин дерг эр ду хьоьга! Хьо а, хьан доьзал а, хьан ваша Ибра…
— Витлахь сан ваша, и дукха цIена ву хьуна, кху боьхаллина юкъахь хьехо!
— Сан дашна юкъа ма лелха! Хьан бакъо яц тхо а, Президент а бехке дан. Хьо ишта чIогIа бакъ дерг оьшуш велахь а, кхузахь хуьлучунах кхеташ вацахь а хьуо схьа ма веъара дIагIо!
Гулбелларш реза бацара СаьIидах. Ша ишта дика тIеэцначу гуонехь и тайпа къамел дан товш дац нохчочунгахь — бохуш схьахезара цара дуьйцург. Цаьрга ладогIа а аьлла, Закаев юха а вистхилира:
— СаьIид, ахь айхьа байина хьайх кхузахь гулбеллачеран тешам! Суна хьо вевза, цундела ас хьоьга тхан тобанна юкъара дIавала боху. Хьан болх кхин хьашт бац тхан юкъараллина! ХIинца маьрша ву хьо, хьайн ирсечу Германехь маьрша ма-хиллара. Тахана дуьйна тхан тобанна юкъара вац хьо! Кхин болчарца дан дезарг тхуна тхайна хуур ду! Майрбека новкъа воккхур ву хьо!
— Ахьмад! Ас и болх бийр бу! Ас и кхочуш биначул тIаьхьа, ваккха мегар ду хьуна со шайн тобанна юкъара дIа. Сан хIинцале цхьацца ойла а кхоллаелла цу хьокъехь хIун дан деза.
— ТIаккха иза хьан хьайн бала бу! Амма и гIуллакх ахь кхочуш ца дахь, жоп хьоьгара доьхур ду хьуна! Диц ма делахь!
СаьIид Майрбекаца араваьлча, стоьла хьалха Iаш болчарех цхьаммо билгалдаьккхира СаьIид дIавахийта оьшуш дацара аьлла. Амма Закаевс юха а шен тIаьххьара дош элира:
— Иза кхераме вац вайна! Иза дукха тIех яьхь йолуш ву. Цуьнан доьзал дика бевзара суна. Ма-дарра аьлча, шу кхетар дац, кху тIаьхьарчу хенахь мел дукха вуонаш гина стаг ву иза. Ткъа цхьаъ хуьлуш хилахь а, юхавала меттиг хир бац цунна, цу тIехь ас сайна тIелоцу жоьпалла.
СаьIид а, Майрбек а лагерна дикка гена ваьлча, Майрбека элира:
— Ахь ма кхоссаялийтира! И санна дерг оха дуьтуш дацара хьуна.
— Шу муьлш ду? — хаьттира СаьIида
— Тхан гуо бахар аса-м.
— Вуо ду-кх шу Конституционни Суьдан а, правительственни куьйгаллин а, парламентан а метта гуоне кхаьчна — Iоттар йира СаьIида!
— ЛадогIал цкъа ахь! Ма чIогIа турпалалла доьссина хьоьга! Закаевс хьайн Iуьналла деш хилча, хьайна луург дийца бакъо ю моьтту хьуна хьайн?
— Ла ахь догIа ахь, хье боцу хIума! Хуьлуш дерг ца гуш, президент бIарзвалар бахьана долуш, кхаьчна вайн къам юха а тIеман кIурла! Маца доьллур ду цо бIаьргаш?
Майрбека кисанна тIе куьйг кховдийра, тапча схьаэца, ткъа цу мIаьргонехь СаьIид тIекхийтира цунна, и шиъ тассавелла, лаьттахь керчара. СаьIидехь герз дацара, ткъа Майрбекан карара тапча охьайоьжнера. Цу луьстачу хьунна юкъахь дукха а хан яьккхира цу шиммо леташ, вовше буйнаш а, мираш а детташ.

Майрбекан бIаьрг а, цIоцкъам а дохийнера, ткъа СаьIидан буй кхетта, церг яьккхинера. ГIелвелла, шиаъ юх-юххехь Iуьллура и шиъ. Политика къевсина даьлла дов, хIинца вовшашка кхоллабеллачу цабезаме дирзинера. И шиаъ хIинца кхетара президентан политически лини къиссар геналлехь диссина, хIинца цу шиммо а жоп дала деза вовшашна йиначу васана.
Цхьа жимма са метта а даийтина и шиъ юха а чевнаш хилла ши экха санна вовшашна тIекхийтира. Юха а гIелваллалц тийссавелира и шиъ. Цу шиннан яьххьаш а, куьйгаш а цIийх дуьзнера. Майрбек СаьIидал итт шо жима велахь а, амма талламан органийн белхало хилла волу СаьIид хIуммаъ юха волуш вацара. Леташ и шиъ цхьаьна жима боьрана чувоьжира. ТIулгах корта дIакхетта СаьIид кхетам чуьра велира. Цул совнаха, цу шиммо а ирачу тIулгех кхетта голаш а, куьйгаш а дохийнера.
Майрбека халла хьалаваьккхира СаьIид, ткъа цул тIаьхьа шовданан йисте а вигина, иза меттавало гIоьртира Майрбек. Эххар а меттавеъна СаьIид кхеташ вацара ша мичахь ву а, шена хIун хилла а. Ткъа ша кхета ма кхийтинехь иза юха а Майрбекана тIекхета гIоьртира, амма иза шовдан чу охьавоьжира. Майрбек иза схьала а ваьккхина, юха цу чу ца карчийта, шовданна дуьхьал тIулг а биллина, шен тапча лаха вахара. Тапча а йохьуш, ша хьавеъча, цунна СаьIид шовданехь шен цIийх дуьзна куьйгаш дуьлуш карийра. Цунна тIе а вахана Майрбека элира хIара сонта латар сацо дезаш, я герзаца къасто дезаш хилар. Ткъа тапча цхьаъ бен яц, цундела Майрбека дийцарехь, цу шиммо кхаж а тессина, и кхаж баьллачо кхуссур ю иза, билггал цхьаьна йохаллера.
— Иза а ца лелош, и тапча тоьхна со вийча, аттох дац хьуна? — хаьттира СаьIида.
— Дац дера! Со Iовдал ву моьтту хьуна? Со дукха хIума гина ву хьуна. Ахь санна сайн дагахь дерг дIаолуш а вац. Соьгахь герз ду. Суна лиъча, хьоьх пхи минот ялале дакъа хир ду, амма со хьуна ма моьттура цIий Iано хьаьгна а вац хьуна, я кIилло а вац.
Майрбека юьйлина тапча СаьIидана улло охьа а йиллина, элира:
— ХIинца гайтал хьайн хьуьнар ахь! ХIинца герз хьоьгахь ду, пхи минот ялале сан дегIах дакъа хилийта аьтто бу-кх хьан!
СаьIид дIа а вирзина, кхечу тIулга тIе дехьахиира. И шиъ вехха Iера вовше вист ца хуьлуш, вовшийн бIаьра а ца хьожуш. Майрбека СаьIидана тIе а веана элира:
— КъинтIера вала суна, сан ваша. Сан кийрахь дерг ца хаьа хьуна! Мел хала ду хаьий хьуна берзан амале а вирзина, адам хилла ваха. Бехкенаш а бу, бехке боцурш а бу. ХIинца и дийцарх хийца дала хIума дац. Муьлхха а мах белла машар суна ца оьшу. Суна бух болу машар оьшу, цкъа а бухур боцу машар оьшу. Цхьаьна йисте кхаччалц тхо юха а девр дац. Хьайн церг бахьанехь къинтIера а вала суна. Хьуна лаахь ас тхайн тейпанера къано воуьйтур ву хьуна тIе, хьо къинтIера ваккха, я хIара тIулг тохе, сан церг якккха хьайна лаахь — Майрбека лаьтта охьа а кхевдина, боккха тIулг кара а эцна, СаьIиде дIакховдийра.
СаьIида иза схьаэцна, ластийна хи чу а кхоьссина элира:
— Гой хьуна и тIулг хIинца? Ца го! Ишта кхин соьгара оьгIазло а гур яц хьуна! Со къинтIера ваьлла хьуна! Хьо а вала суна къинтIера!
— Дела реза хуьлда хьуна! Со а ваьлла хьуна къинт1ера — Майрбек маракхийтира СаьIидана — и бераш схьалахалахь, юха ма валалахь. Уьш завербовать винарг Аль-Iазиз ву хьуна, Ахьмада хьоьга дIаала аьллера соьга. Хууш дац и Аль-Iазиз мичара ваьлла а, хьан лелош ву и, ша иблис долчух тера ду цуьнан Iуьналла деш. Сихо елахь! Ахь жимма а мало яхь и ши кIант кхин гур вац хьуна. Тхан ницкъ бац и Аль-Iазиз бохучу шайтIанна дуьхьало ян. КIелхьара ваккха ши кIант, ас сайн ма-хуьллу гIо дийр ду хьуна.
— Дела реза хуьлда хьуна, сан ваша! Со декхарийлахь хир ву хьуна…
                Дахаран йист

I

Цхьа бутт баьлча Москвара операн а, балетан а Йоккхачу Театрана дуьххьал йолчу Театральни майданехь лаьттара къона ши кIант. Цу шиммо лерина тергал дора театран исбаьхьа хазачу гIишлонна хьалха, зезагаш карахь хьийзаш долу кечделла, самукъне адамаш. Билеташ дIа а гойтуш, гIишлонна чоьхьа бевллачу церан гIаларташ дIадовра Iаламат яьккхийчу неIаршна тIехьа. Массо а сиха вара, тIаьхьа ца вуьссуш гайтаме кхача, цхьаберш дIасауьдура, цхьаьнгахь а совдаьлла билет хир дацара те бохуш.
Гуш дара ши кIант синтем бойна хилар. Царна тIевеара кехаташ гайта аьлла патрульни ши милиционер. Ислама а, Бориса а шайн курткийн кисанашкара схьала а даьккхина паспорташ а, иштта «Борис Годунов» опере ваха эцна диъ билет а дIаделира.
— Тхайца долчу зудберашка хьоьжуш дут хо театре даха — элира Бориса милиционерийн нийсса бIаьра а хьоьжуш — тхо экскурси даьхкина ду тхайн тобанца.
— Шуьца цхьаьна верг мичахь ву тIаккха? Хьешан цIийнахь йина регистраци мичахь ю? Экскурсионни билеташ мичахь ду? — хаьттира милиционера.
— Тхан тобанан куьйгалхо — тхан хьехархо кхин болчарца театре чуяхана, цуьнгахь ду и билеташ а, оха регистраци йина кехаташ а, ткъа тхо тхайца долчу зудберашка хьоьжуш ду, уьш аптеке бахана, цхьаьнан церг лаза а яьлла.
— Цхьа а хIума ца хаьа, вало отделени — буьрса элира шолгIачу милиционера.
— Ващи, ма вигахь тхойшиъ отделени! Тхуна юха карор бац тхайн накъостий — дийхира Бориса.
— ХIара ма вац вистхуьлуш! Мотт сецна ву хьан доттагIа? — хаьттира милиционера Исламана тIе пIелг хьажош.
— Вац со мотт ца хууш. Къамелаш дан ца лаьа суна — жоп делира Ислама.
— Вало тIаккха отделени, цигахь цхьаъ дийр ду вай!
— Ващи! Ма вигахьара ахь тхойшиъ отделени! Тхан зудбераша тхо лоьхур ду, тхо цхьаьна чудаха дезаш ду — юха а дехара дира Бориса.
— ХIан, хIара гIуда а дIаэца тхоьгара! Ма вигийша тхойшиъ, тхуна хьехархоша а дов дийр ду — Ислама милиционере итт туьма дIакховдийра.
— ДIаваккхахь, витахь и шиъ! Бераш ма ду уьш, — элира милиционера шен накъосте, — дIадилла хьайн ахча а цIога Iаьржа мерIуьрг! Дукха чIогIа комаьрша хуьлу шу Iаьржнаш даима а — иза аьлла милиционераш дIабахара, кхин цхьа а бакъонаш йохош вуй талла.
Ши милиционер гена ваьлча, бераша доккха садаьккхира. Шина кIанта ойла йора и ши милицирнер тIаьхьара ца ваьллехь, шаьшиммо хIун дича бакъахь хир дара. Ислама элира и шиъ охьа а вожийна, театрана чу эккхар вара, цигахь хIинцале шортта адам гулделла.
— Ислам, цара муха ладугIу-те цу гIовгIане? Опера тов! Корта мегар бацара сан! Чохь-м хаза ду хьуна цигахь, дешица кхийлина ду пенош. Дуй тIаккха?
— Со и гIишло талла вахана вара, цигара дешига хьажа вахана вацара! Дукха а ца луьйш, хьалхара горгали маца бека ладугIуш Iе — юкъахъехира Ислама Борисан ойланаш.
— Дика-м ду хьуна вайшиммо диъ билет эцна, вайца кхин а цхьаъ волуш санна! — юха а волавелира Борис!
— Ду дер! Хьо чIогIа хьекъал долуш ма ву!
— Ткъа хьо Iаьржа ву, ма элира милиционераша! — велар иккхира Борисера.
— Хьо дIасоций? Йеса деша цуле а! Цхьа пхи минот ялале Далла дуьхьал гIур волуш ма ву вайшиъ! — юхаъ сацийра цуьнан къамел Ислама, — хьажахь! Массо а чоьхьа ваьлла, ткъа хьалхара горгали хIинца а ца бекна. ХIетахь вайшиъ веанчу хенахь горгали пхийтта минот яьлча ворхI долуш бийкира, хIинца а ворхI дала йиссинарг пхийтта минот ю, хан тIекхочуш лаьтта.
— Ислам, гай чуозахь, жилет гур ю хьан.
— ХIуммаъ дацара иза-м, билетершас хIума ца олуш, тIехваьлчхьана вайшиъ, ткъа юха кхин хан ца йойуш, партерана чу хьодур ву вайшиъ. Хьо аьтто агIор вада, со аьрру агIор. Нийсса юккъе кхаьчначу хенахь АллахIу Акбар аьлла мохь а тоьхна…
— Хьо жимма а кхоьрий, Ислам?
— Ца кхоьру! Хьо кхеравеллехь, хьан хан ю дIаваха.
— ХIан-хIан! Со юхавер вац! Хьо сан ваша ву вайшиъ даима а цхьаьна хир ву… даима а…
— ЛадогIа, со доIа деш ву, — элира цуьнга Ислама нохчийн маттахь.
— Дика ду, — нохчийн маттахь жоп делира цуьнга Бориса а…

ШолгIа горгали бекначул тIаьхьа, ши кIант театральни колоннаш йолчу агIор волавелира. Ламишна тIехула хьала а ваьлла, колоннаш юкъахула залана чоьхьа воллучу дIахIоьттира и шиъ, билитерше шаьшингара билеташ дIа а кховдош. Цо билеташ схьаоьццушшехь, шина кIантан белшаш тIе цхьа деза ши куьйг охьадижира:
— Кегий нах! Дега-ненага ца хоттуш ара вала мегар ма дац, театре воьдуш хилча а.
Шаьшиъ лаьцнарг мила ву ца хууш, воьхна Ислам а, Борис а карара а ваьлла, театрана чувада гIоьртира. Амма СаьIидан а, ИбрахIиман доттагIчун Крутов Юрийн а чIогIачу куьйгаша чехка аратакхавира ши кIант, билитерша а, юххера нах а цец а бохуш.
Ислам юха а гIоьртира карара вала, амма шен деваша вевзича, Iадийна, гора охьавоьжира иза. Ша хIун дан деза ца хууш, Борис Исламан бIаьра хьоьжура.
— ХьалагIатта! — аьлла тIе мохь тухуш, куртки коча тIера а лаьцна, когаш тIе хIоттийра СаьIида шен вешин кIант, ткъа Борис Юрийс лаьцна вара.
Ца моьттург хилла, Iадийна волу ши кIант меттах валалуш вацара.
Борис СаьIидан кара дIа а велла, Крутовс белшаш тIера Ислам схьа а лаьцна, цуьнан бIаьра а хьожуш элира:
— Хьаверзал цкъа, обарг! Дер тера ма ву хьайн дех! Вуьззина нохчо ву!
И мила ву ца кхета Ислам, цецваьлла цуьнан бIаьра хьоьжура. Оцу хенахь царна тIевеара, хьалхо Ислам а, Борис а отеделени дIавига гIиртина ши патрульни милиционер.
Кхераеллачу билитершас ваийтинчух тера дара и шиъ.
— ХIун хилла кхузахь? — хаьттира милиционера.
Юрийс шен кисанара милицин майоран кехат схьаладоккхуш, элира:
— Кхераме хIуммаъ дац. ЦIерчаьрга а ца олуш, сакъера араваьлла хилла ши кIант! Кхеран планаш йохо дийзи тхан. Аш сагатда ца оьшу шуна, оха тхаьш къастор ду хIара.
Исламе а, Борисе а дIа а хьаьжина, Крутовс массарна а хезаш омра дира:
— Же! ХIинца цIехьа кIур бел шиммо а! Цигахь дуьйцур ду вай кхин даI дерг!
Уьш Центральни Универмаг йолчу агIор дIабахара. Цигахь лаьтташ яра Крутовн машен. Борисана а, Исламана а юккъахь дIанисвелира СаьIид. Юрийс меллаша юьгура машен, сих-сиха куьзганчухула шина кIанте бIаьрг а бетташ.
Цхьа а вистхуьлуш вацара. Наг-нагахь Юрий гIертара и шийла тийналла йохо…
Ши кIира а дара СаьIид шен жимох волчу вешин тешаме доттагIа волчу веана. Крутов Юрий цунна ИбрахIимс вийцарх бен кхин вевзаш вацара. Ишта Юрийна а дика дагавогIура, доттагIчо йоккхачу дегайовхонца вийцина хилла шен воккхах волу ваша.
Галиница и шиъ дIасакъаьстинера. ЙоьIа кехат яздинера ша кхечуьнга маре йоьдуш ю аьлла. Юрийс кхин дукха ойла ца еш, шеца дешна хилла йоI йигира. Иза чоьхьарчу гIуллакхийн органашка балха а хIоьттира, юридически институт чекх а яьккхира. Юрийн ши бер дара. КIант Андрей Москван автодорожни институтехь доьшуш вара. Жималлехь Юрий а хIоьттинера цига деша, амма ресторанехь латар бахьана долуш, иза институтера дIаваьккхинера. Шен лаамехь арме вахар бахьана долуш аьтто белира цуьнан набахте ца кхача.
Юрийн петар ялхолгIачу гIат тIехь яра. Чоьхь цуьнан зуда Алла а, кIант Андрей а, шийтта шо кхаьчна йоI Ксения а яра, цул жимох Полина а яра. Аллас хазахетарца тIелецира хьеший. Андрей а, Ксюша а дара хьеший бовза лууш. Юрийс зудчуьнга стол кечде а аьлла, СаьIидца ши кIант спальни чу дIавигира.
— Гайтал хIинца хIун ю шу куртканашна кIел! — омра дира Крутовс.
Ши кIант воьхнера.
— Собар, собар… вай цхьанхьа а сиха дац… меллаша дIаяхал курткаш.
Ислама а, Бориса а шайна тIера курткаш охьаяхча, бIаьргашна хьалха хIоьттина сурт инзаре дара. Шина а кIентан догIмашах дихкина тротил а, иштта кхин а шортта цхьа серий а дара. Цул совнаха, цу шингахь ТТ олу шишша тапча а яра.
Юрий Iадийнера гиначух. СаьIидаца цхьаьна меллаша детонатораш дIаехира цара, ткъа цул тIаьхьа Iожаллан доьхканаш а. Юрас и шиъ спальничуьра ара а ваьккхина, шен кIант схьакхайкхира.
— Андрей, хIара ши къонаха хьан ши хьаша ву, цундела кху шинан гIуллакхе а хьажа, гергарло дIа а тасса.
Крутовн доьзалехь цхьанна а ца хаьара боккъалла а хилларг хIун ду, я хаа лууш а вацара цхьа а — хьеший баьхкина аьлла цецвала хIума дацара.
Спальничу схьавеъча, Крутовн гира, цу дерриге а герзашна юккъахь охьа а хиъна, корта а лаьцна воьлхуш волу СаьIид.
— ХIа хIинца хIун до ахь? Далла хастам бе вайшиъ тIекхачийтарна. Жимма а тIаьхьа виссинехь хьайна хаьа хьуна хIун хир дара…. Ва Дела ма доккха хIума ду хIара дан… бераш, кегий берашка муха дойтур ду и санна дерг… кийрахь дог доцуш уьш мичара бевлла те? — ша шега хаттарш лора Юрийс.
— Баркалла хьуна, Юра… баркалла
— Хьуна ду и баркалла, хьо дукха вахарг! Ахь мел дукха адаман дахар лардина ца хаьа хьуна?
— Хьо ца хиллехь, соьга далур долуш хIума дацара иза… Дала Iалашвойла хьо… ас цкъа а дицдийр дац ахь суна дина вошалла…
— Тоьур ду хIинца… собар де… хIара болх хIинца мича бахьа беза? Мича? Вало цкъа аравалийта вайшиъ кху чуьра — Юрийс белшаш тIера а лаьцна араваьккхира СаьIид. НеI цо дог1а а тоьхна дIакъевлира.
Кухничуьра йоьIе Юрийс элира:
— Ксюша, сан хьомениг, ялохьа дехьа чу ялахьа!
Ткъа юха зудчуьнга а вирзина, вистхилира Юрий:
— Йоккха стаг, собар делахь, тхойшинан чIогIа хала де дара хьуна тахана, цхьажимма са паргIат даккха пурба лолахь! — цо шкафчуьра схьаийцира къаркъанан шиша.
— Вай моьттур ду ахь соьгара пурба доккхуш молуш дара иза хIинцалц? — елаелира Алла.
— Гуш дуй хьуна, СаьIид, муха ю сан зуда. Дер эр дац, ца оьшу ма мала-м! Мелла велла дIавер вацара теша бохуш сатесна ю моьтту суна, — забар ян гIертара Юрий.
— Хьуна хIун хилла тахана? Хьо цхьа тамашийна ма ву тахана. Саид Заурбекович, хьо а тахана цхьа воьхна хета суна — Алла боккъалла а кхераелира церан бос байна, мокха яьххьаш гича.
Цо гIанта охьа а лахъелла, хаьттира:
— Алийша хилларг хIун ду?
— Цхьа а хIума ца хилла! Наьрсийн банка схьаястахьа… ткъа ас… ткъа ас шиша доьллур ду, — велавала гIертара Юрий, амма кхерамо, гIайгIано Iадийна ши бIаьрг синтем бойна дIасауьдура.
Кухни чувеанчу Андрейс хаьттира:
— Пап, ахь валийна и ши накъост мотт ца хууш ву вуй? Ши сахьт ду-кх со и шиъ вистхило гIерташ! Со хезаш вац моьтту суна цу шинна.
— Ву-ву мотт ца хууш ву и шиъ. Цу шинца Iехьа, валохьа — Юрийс аратеттира шен кIант.
— Юра! ХIун хилла? — мохь тухуш хаьттира кхераеллачу Аллас.
— ХIуммаъ ца хилла, хIуммаъ ца хилла… авари янза девлла тхо, цундела ши кIант кхеравелла. Кхин хилларг хIумма а дац.
— Ва Дела хьо маца кхетар ву те? Шозза валанза ваьлла-кх хьо машенахь! И кIант а оцу машенийн институте вахийтина ахь деша — Аллас кегий рюмканаш стоьла тIе охьахIиттошшехь, уьш тергал ца еш, Юрас а, СаьIида цхьацца стака къаркъанан дIамелира, тIе дуьра нарс а кхоллуш.
— Шуьшинна-м къаркъа гина а ца хилла! Со яла елла! — цецъяллера Алла.
Кхин вист ца хуьлуш кухничуьра араваьлла, спальни чувахара СаьIид а, Юрий а.
СаьIид шина кIантаца виссира, ткъа Юрий и берриге а Iожаллан мохь а эцна, новкъавелира. ГIалачуьра араваьлча, цо вовшахяьхна тепчанаш а, детонатораш а доьдучу хи чу кхиссира, ткъа тротил уьшал йолчу цхьаьна луьстачу хьунхахь боккха кIаг баьккхина, лаьттах диллира. Детонаторш ца хилча, иза хIинца кхераме дацара.
Ах буьйса яьлча бен цIа ца веара Юрий. СаьIида шаьш гIалин муьлха а хьешан цIийне дIакхетаде аьлла дийхира цуьнга. Буьйса хала а, атта а дIаелира. Iуьйранна уьш болчу Крутов веара. СаьIидаца цхьаьна и шиъ хIинца паргIат вистхилира Исламе а, Борисе а цу шиннан дегнашкара кхерам дIабаккха гIерташ.
Кхин цхьа де даьлча Юрий юха а веара цаьрга, шеца кIант Андрей а валош. Уьш цхьаьна Цветной бульварера цирке а бахара, ткъа суьйренан пхьор кечдина цаьрга хьоьжуш Алла а, Ксюша а, Полина а яра.
Цхьаьна хан йоккхуш, Юрийс дуьйцура шайн эскарера дахарах лаьцна, ИбрахIимаца хиллачу доттагIаллех лаьцна. Афганистанехь тIом бар леррина ца хаьхийра цо. Ткъа юха уьш пхьор дина бевлча, схьаийцира ИбрахIиман тIеман китель. ИбрахIима тIера ийзош схьаяхна хилла погонош, Юрийс лерина тIе тегнера, ткъа ИбрахIиман массо а мидал а, орден а китель тIехь кхозуш яра.
— ХIан! ХIара дIаэций, лелае хьайн ден безамна! Хьан да лаккхара адамалла йолу къонаха стаг вара! Дика доттагIа а, ваша а вара. Вуо а, дика а мичахь ду гайта оьшуш вацара иза, бода серлонах къасто дика хаьара цунна. Сий долуш, доьналлех воьттина, бакъ волу нохчо вара иза. Къарам болчарна юкъахь комаьрша вара иза, къизачарна юкъахь адамалла йолуш вара иза, хIилла долчарна юкъахь нийсонна тIера волуш вацара. Цо хийла соьга дийцина долу и нохчийн лаьмнаш санна лекха а, зоьртала а яра цуьнан син-оьздангалла. Шун дада Заурбек а дукха вуьйцура цо соьга…
Дада хьахошшехь Исламан юьхь тIехула охьахьедира хин тIадамаш, Борисан а бIаьргах хи делира. Цу шинна хIинца а ца хаьара дада а, баба а дуьненчохь доций. Хьава еллий-м лагерехь волучу хенахь хиънера цу шинна.
Юрийс дIахьора шен къамел:
— Цхьа чIогIа хаза дуьйцура ИбрахIима шен дех-ненах лаьцна. Суна а дезаделира и шиъ, сайн долуш санна.
Сан да-нана со дукха жима волуш дIадаханера дуьненчуьра. Со хьоьгура ИбрахIимах. Мел ирсе хетара суна иза. Шун Даймохк а хетара суна шатайпа… чIогIа лаьара суна ИбрахIима йийцина цуьнан хьоме Нохчийчоь ган. Шуьга хIара бала а беана виссира со. Вайн къаьмнаш бахьана долуш хилла дац вайна юкъахь хилларг.
Боьха политикас барт бохийна вайн, вовшен цабезам, оьгIазло кхуллуш. Со тахана воккхаве сайн тешаме доттагIчун ваша вевзина. Ваша воцучу суна ИбрахIим сайн ваша хеттера даима а, цундела тахана суна Ислам а сайн берийн ваша хилийта лаьа — Крутов бIаьргаш хих дуьзна дара.
Алла цецъяьлла ладугIуш яра шен хIусамдас дуьйцучуьнга. Тахана санна дог кIадделла цкъа а гина вацара цунна иза. Алла а, бераш а кхетара тIаьхьарчу масех дийнахь цхьаьна гIайгIано Юрий хьийзош хилар. Царна дагатессира цуьнгара хьал хьешашца доьзна дуйла, амма иза хатта товш ца хитира.
Сарахь Юрийс юха а дIакхетийра уьш хьешан цIийне. Цара СаьIидаца барт бинера Заурбеках а, Хедах а дерг цкъачуна шина кIанте ца дийца.
ШолгIачу дийнахь Юрий шен кIантаца СаьIидгIар аэропорте новкъабаха веара. Билеташ хьалхе эцна дара. СаьIид шина кIантаца цхьаьна Нальчике дIавахара.
Хазахетаран мохь белира Заргане хIорш гича. Иза тIеетталора Исламана а, Борисана а. Юха дIаедда цо сиха телефон туьйхира Анне, Петраца цхьаьна ша йолчу дуьйла аьлла, ши кIант хьаха а ца веш. Аннас шаьш цхьаьна сохьтах догIур ду элира.

II

Зарганан хIусамда Мовсар а, СаьIид а балконехь цигаьрка узуш лаьттара, Зарган берашца стол кечъеш яра. НеIаран горгали бийкира. Деанарг Анна а, Петр а дуй хуучу Заргана Борисе муьшка йира неI схьаелла аьлла. Амма кIант воьхна лаьттара.
Заргана ша схьайиллира неI. ХIора а дийнахь шайн кIантах болчу хаамах сатесна йолчу Аннас, Зарганан хазахетарца богучу бIаьргаш чу а хььоьжуш, хаьттира:
— ХIуммаъ дуй Исламах а, Борисах а? Зарган йист хилла а ялале, дехьачуьра маьхьарца схьахьедира Лиза а, Зарганан йоI Луиза а:
— Деци, деци! Исламий, Борисий цIа ма веъна!
И хаам ша екхначу стиглахь тоьхна ткъес санна дагах чекхбаьлла Анна, цкъа Iадийча санна лаьттина, ткъа юха сиха чоьхьаелира. Шина кIанта маракъуьйлура иза, амма дог кIадделла Анна, когаш тIехь латталуш яцара. Ислама а, Бориса а гIанта охьахаийра иза.
Сацанза охьаоьху бIаьрхиш юхьтIехула дIаса а хьоькхуш, Анна шена дуьххьара гуш волуш санна лерина хьажа гIертара Исламе а, Борисе а, церан куьйгашка а, юхь тIе а обанаш а йохуш. Юха СаьIидах бIаьрг кхеттачу цо хьалаиккхина, ваша санна маравоьхкура, шен дахарехь сел гергара а, уллера а хилла и стаг.
Маржа яI, ма къаьсташ хуьлу-кх ненан бIаьрхиш! Уьш шатайпа лазаме ду! Ненан бIаьрхиша къонахий а белхабо, ненан бIаьрхиша муьлха а чов ерзайо, ненан бIаьрхиша тIулг а башор бу… кху дуьненчохь массо а наной цхьаъ бу, муьлххачу къомера уьш белахь а, церан дегнаш цхьатерра лозу, церан бIаьргаш цхьатерра доьлху.
Йа АллахI Дела! Ма доккха маьIна диллина-кх ахь «нана» бохучу дашна юкъа. Массо а ненан бIаьрхиш цхьаьнатоьхча, цу лазаман хIордах буха гIур дара хIара дуьне а.
Ненан бIаьрхиш дагах ца кхеташ болу нах бу кху дуьненчохь къизаллин хIу тоссуш. Iедалан мукъ кара а беана, шаьш дуьненан дай хеттачу царна Дала мацца бина а бекхам бийр бу хийла ненан дог Iовжорна, хийла ненан бIаьрг белхорна. Iана оьхуш дуьненан рицкъа цаьрга хилахь а, и тайпа боьха дегнаш долу уьш, цкъа а хир бац ирсе.
Кху дерриге а дуьненан деши а дала мегар дацара ненан бIаьргара охьахьаьддачу цхьаьна хин тIадамах. Ненан лазам цхьатерра белахь а, амма цу лазаман бахьанаш къаьсташ хуьлу. Цхьа нана орденаш а, мидалш а тиссина вогIучу шен турпалхо кIентах йоккха еш, хазахетаран бIаьрхиш ца лечкъош йоьлху, ткъа важа, цу турпалхочо тIехIотта кошан барз а боцуш, доьза вайина шен кIант велхош ю.
ХIун дан деза вай адамаша, наной ца белхийта? ТIом бан хьаьгна болу политикийн наношка а, зударшка а ала дезара шайн хIусамдай а, кIентий шаьш мостагIий лериначарех лата бахийта аьлла. ХIетахь мукъне а кхетар бацара те уьш дикачу тIамал вуо машар хилар гIолехь дуй.
Амма иза дийцарх пайда бац, Росси санна йолчу Iаламат йоккхачу пачхьалкхан куьйгалхочо дерриге а дуьненна а хезаш дIахьедаш хилча маьрша адам леш делахь а, политически процессаш кхочуш ца дича ца долу бохуш. Ишта политика дIакхоьхьуш йолчу пачхьалкхахь кхин а хийла боьлхур бу наной.
МовсаргIаьргахь а дара схьахезаш белхарш. Уьш хазахетаран бIаьрхиш хилла ца Iара. Даймахкахь хуьлуш дерг лазаме дара дагна лан. СаьIида шена ши кIант лаьмнашкахь Заурбекан гергара стаг волчохь карийна элира массаьрга а. Шен йишига Заргане а ца дийцира цо ша дерриге а ма-дарра. Ламчура охьа а валийна, юха ша Москва вигира ши кIант, ткъа цигахь шаьш Цветной Бульварера цирке а, балетан а, операн а Йоккхачу Театре а дахара бохуш дуьйцура СаьIида.
Анна йоккха йина а ца йолура шен кIантана цирк гайтарна а, пачхьалкхан коьрта шахьар йовзуьйтуш, цуьнан самукъа даккхарна а. Борисана а, Исламана а хазахеттера шаьшиммо лелийнарг дIа ца дицарна, амма кхин дIа СаьIида хIун дийр ду те ца хуъш, сингаттамехь вара и шиъ.
СаьIида а, Юрийс а ши кIант паргIат вита сацам бира, дукха царна тIеIаткъам ца беш, амма СаьIида хIинцале Iалашо хIоттийнера шена хьалха, цхьаьнах а дага а ца волуш, цу Iалашоне кхача сацам а бира цо.
СаьIидана лиира ши кIант а эцна Петр волчу буьйса яккха ваха, ткъа Анна Зарган йолчохь юьссур ю. Анне бехк ца биллар дийхира цо кIантах хьаьгна хилла иза ша тховса, цунах къасторна. Петра Iуьйранна шаьш схьадаьхкича, массо а цхьаьна СаьIид Соьлжа-ГIала новкъаваккха гIур ду элира.
Петр волчу схьавеъча, СаьIида ша дерриге а ма-дарра дийцира. Петр Iадийнера хезначух. Хала дара теша цунах, амма иза бакъ дара. Петра а, СаьIида а дехха къамел дира шина кIантаца. Вуо леллачу кхиазхошна деш долу дов дацара иза, иза Аль-Iазиза хьерваьккхиначу, кхетамчуьра вохийначу шина кIантана беш болу психологически тIеIаткъам бара. Аль-Iазиз Хаким Дагестанера схьаваьлла вара. Цо ишта цхьа бала хилла болу кегий нах шен боьхачу машанашна атта юкъаузура. ХIинца а кхетам чIагIбалаза, тIамо гергарчарех къестийна долу бераш сийлахь дезачу гIазотаца Iеха а деш, Iожаллан бага а кхуьйссуш, ша маьрша вехаш-Iаш вара иза.

СаьIида а, Петра а дуьйцура шина кIанте мел доккха къа хилал цу шиммо латош цхьа минот ца яьллехь, эзарнаш бехк боцучу адамийн дахар а хадош.
— ТIеман кIурлахь а уггаре а маьттаза, осал хетта ду, герз карахь доцучу мостагIчунна тIекховдар — дуьйцура Петра.
Берашца диначу къамелаца СаьIид кхийтира лагерь мичахь ю а, церан командираш муьлш хилла а. Иштта шина кIантана вевзира шайн лагере веана цхьа оьрси. ХIара шиъ лаьмнашка дIавахале, юьртахь хиллачу зачисткашкахь дакъа лоцуш вара иза.
Иза цу шинна гинера инарла Гаджиевна уллохь. Хьалха-Мартан кIоштан комендант хилла суьйле инарла-майор Гаджиев Гейдар цIеяхана вара нохчашца шен йолчу къизаллица. Бехк а, гуьнах а доцу адамаш ша хьийзадора цо, дуьненчуьра массо а нохчий хIаллак бан беза бохуш, мохь а бетташ. Иштта Олхазар-кIотарара берах зудчунна мира биттина, дуьненчу а далале цуьнан бер дийра цо. Йист йоцуш яра цо Хьалха-МартантIера нахана тIехь латтош йолу къизалла, цуьнан нохчашца болу и кIоргера цабезам. Амма кху дуьненчохь массо а хIума санна, чаккхе йоцуш ца хиллера Гаджиевс лелош дерг а. Шен хIусамда а, ваша а цо тIепаза вайина йолчу нохчийн жима зудчо — со евзий хьуна? — аьлла мохь тухуш, эккхийтира иза, цуьнца цхьаьна ша а яла а леш.
Шина кIантана вевзина волу оьрси цаьрга дийцарехь, церан командир Аль-Iазиз волчу веана хиллера. Билгалдаккха деза и Аль-Iазиз къайленаша хьулвина вара. Iедал цуьнгахь дара, ахча а цуьнгахь дара, Россин муьлххачу а маьIIехь терракт ян ницкъаш цуьнгахь бара, амма иза цкъа а цхьанна а гина вацара, кху дуьненчохь воцуш санна.
Ши кIант тешна вара шаьшиъ иштта атта кIелхьара вер ца хиларах. Цу шинна-м шаьшинна еттар ю а моьттура, амма ца моьттура ишта шийлачу хаамо дегнаш дохор дуй. Шен къамел дерзош, СаьIида элира:
— Хьовсал, кегий нах… Ислам, вайн дадас хьоьга, а, Борис, хьуна а вара иза Исламана санна хьоме, весет дина деша аьлла.
Шекваьлла ши кIант вовшашка хьоьжура. Ткъа юха Бориса шен дена тIе а вахана хаьттира:
— Папа, бакъ ма дац и даций?
Петр вист ца хилира. Ислам маьхьарца шен девешина хьалха гора охьавоьжира:
— Ващи, ващи! ХIун хилла воккха дадина? Мичахь ву воккха дада? Алахьа! Баба мичахь ю?
Шен девешин бIаьргашчуьра сингаттам гича, кхийтира Ислам шен хьоме воккха дада а, баба а шена кхин гур доций. Малвелла лаьтта охьавахара Ислам, кхетамчуьра а волуш. Петр дIахьедира кухничуьра хи дан, ткъа Борис воьлхуш тIеветталора, кху тIаьхьарчу хенахь вешан метта хиллачу шен доттагIчунна. СаьIида а, Бориса а лаьттара хьала а айвина, дивана тIе охьавиллира Ислам. Петра юьхь тIе хи диттича, а меттавогIуш вацара кIант.
— Нашатырь дуй? — хаьттира СаьIида.
— Дац. Къаьркъа доьттича хIун дара те бага?
— Леш валахь а дуттур дац!
— СаьIид ващи! ХIунда… хIунда сацийра аш тхо… сацо везаш ма вацара, — маьхьарца тIеветталора Борис шен доттагIчунна.
— ДIасаца! — Петрс вортанах хIума туьйхира Борисана.
— Петр, ца оьшу! Вита иза! Ма тоха цунна. Кор схьа а деллий, кхин а хи дахьа, хала дацахь, — СаьIид Исламан бесниш тIе тIара детташ, иза меттавало гIертара.
Схьакхаьчначу лоьраша Ислам Зарган болх беш йолчу больнице дIавигира. Цигахь цунна диагноз хIоттийра — инфаркт! Сел боккхачу баланна дукха ховха хиллера Исламан къона дог.

Ислам больницера араваьккхинчул тIаьхьа, СаьIид кехаташ кечдан волавелира Германера шен доьзал болчу Петр а, Анна а, Борис а, Ислам а дIадахийта. Борис ЗаргангIаьргахь Iаш вара, минотана а Исламана юххера дIа ца волуш. ХIара цIа веана йоккхаеш йолчу Лизин а, жимачу Iисайн а аьтто ца болура Исламан доьхна дог эца. Бехк барий цуьнга? Дуьне довза а, деза а луучу хенахь, кхайкхаза баьхкинчу хьешаша дахаран къаьхьа кад малош, байира цуьнан дахаран чам. Къиза ши тIом а лайна, цхьаьнаэшшара дех а, ненах а къаьсттина, Iожаллан карара а ваьлла, хIинца шен кхерчах а, доьзалах а ваьлла, пана махка дIаваха деза цуьнан. Маца карор ду цунна шен деган чевнаш ерзо молха? Стенга сатуьйсур ду? Хьанах тешар ву? ХIун Iалашонаш хIиттор ю? Лерехь даима хезаш хир ма бу цу буса нанас хьаькхна и шийла мохь, бIаьргаш хьалхара дIадер ма дац, хьомсара ден цу буса шелделла сибат, мостагIа велахь а, хIете а адаман са даккха кхо дуьххьара шен дахарех тоьпан озийна лаг, шо шаре мел долу, марсаюьйлуш кхерстар ю дагчохь хьомечу хIусамах яьлла хилла и сийна цIе…

Больницехь юьхь-куьйг дуьлуш, куьзгана хьаьжча шен гина сибат ца девзина кхеравелира Ислам. Цо хи хьоькхура коьртахь шен месаш стенах кIайелла ца хууш. Исламана моьттура лоьраша цхьаъ хьаькхна шен коьртах. ТIехьашха цунна тIевеанчу Бориса Iовдал забар йира
— ХIинца хьоьх кхин эр дац хьуна Iаьржа цIога долу мерIуьрг, хIинца кIайн ду хьан цIога.
Ишта а дера волу Ислам кхин а чIогIа оьгIазвахийтира Бориса йиначу забаро. Цо ластийна буй туьйхира цуьнан юьхь тIе. Юхаэккхаш, бориса элира:
— Дика ду! Дика ду! Со кхета! Iовдал дерг элира ас! КъинтIера вала суна! Амма ахь суна кхин ишта тохахь, хьан цIога гутаренна а Iаьржа дуьссур ду хьуна! Бегаш ца хууш верг лай ву олу хьуна нохчаша!
— Хьо дIасоцу, я ас сацаво, Iовдал! Вуо забаро дика дов доладо хьуна!
— Хьо ву-кх и Iовдал! Суна атта ду моьтту хьуна? Суна ца дезара моьтту хьуна воккха дада а, баба? Iовдал… — вилхира Борис. — ХIетахь цу милиционера хьайга и санна дерг аьлча цунна стенна ца туьйхира ахь? ХIетахь хьоьгахь тапча а яра шиъ…
— Со милиционерех кхеравелла ала гIерта хьо хIинца? Со… со… — хIинца Ислам волавелира велха.
Палати чоьхьа елира медсестраца цхьаьна Зарган.
— ХIинца хIун хилла? Тоьар ду белларш белхо, дийна болчеран ойла ян еза. Ма товш а ву ши къонаха! — тIечевхира царна Зарган.
ХIетахь хилларг дагатуьссуш, Ислам иттоза дохковаьллера ша Борисан дог дохорна. Мел цу шиммо забарш йинехь а, цкъа а боккъалла а вас йина вацара и шиъ вовшашна. Амма мухха делахь а Борис харц вара хIетахь. Оьшуш дацара цо ишта а доьхначу Исламан дагтIе туьха тийсса.
— Ас-м и буй тоьхна бен ца лазавира, ткъа цо сан дог дохийра… иза а воккха дадий, бабий ца хьахийнехь тухур а бацара… юха цхьаьна агIор забар а кхета — ишта ойланаш йора кест-кеста Ислама.
 

III

Нийсса цхьа бутт баьлча, юха а массо а Зарган йолчохь цхьаьанакхийтира. СаьIида ша Германе дIа мел вохуьйтуш волчунна визанашца дозадехьара паспорташ а, Москва а, ткъа цигара Германе дIадаха билеташ а деанера шеца. Цо Петре а, Анне а ма-дарра дийцира кхин дIа цара хIун дан деза.
Крутов Юрийс уьш Москвахь тIелоцур бу, ткъа шолгIачу дийнахь Германе новкъабохур бу. Цу гIуллакхца доьзна массо а хаттарш хIинцале къастийнера. Германехь кхарна дуьхьал вогIур ву СаьIидан доттагIа Бессель Валера. Цо уьш СаьIидан доьзал болчу Дрездене дIабуьгур бу. Цигахь уьш дIатарбаларан хаттарш а къастийнера. Петр а, Анна а СаьIида а, Валерас а болх бечу заправочни станци а, туькана а балха гIур ду. Мотт Iамош а, Ислам а, Борис а деша хIоттош а гIо дийр ду СаьIидан хIусамнанас а, Германера церан накъосташа а.
— Со дукха ца Iаш дIавогIур ву, цхьацца сайн гIуллакхаш къаста а дина, — элира СаьIида.
Лиза а, Iийса а Зарган йолчохь дитира. И шиъ дукха жима дара Даймахкана генахь керла дахар доло. СаьIид вистхилла ваьлча, Петрс пурба дийхира вистхила:
— ТIемаш цкъа хьалха масех стеган коьртачохь дуьйлалуш ду. И нах даима а цу тIеман кирхьа тIехьа лечкъаш хуьлу, ткъа тIом беш, цIий Iенош бехк боцу нах бу. Сайна суо дага мел вогIу нохчийн лаьттахь хан яьккхина ву со тайп-тайпанчу къаьмнашна юкъахь — нохчий, эрмалой, жуьгтий. Ас тахана цхьа а шеко йоцуш дIабоху вайн ши къам бехке дац вайна юкъахь хиллачунна.
Ас ца дийцича а гуш ду вайна мел бала токхуш бу цхьа а бехк боцу нах. Ас ца дийцича а хаьа вайна дегнийн метта тIулгаш долчу боьхачу адамаша нохчийн лаьттахь цIий Iанийна хилар. Со ала гIертарг кхин ду. Адам цкъа а доха мегар дац адаман сибатах, мел боккхачу балехь ши хиларх а. Дала вай даима а зуьйр долуш ду, цундела адамаллех доха мегар дац. Книгашкахь а, исторехь а юьйцуш ца хезна къизалла гина суна кху нохчийн тIемашкахь. Муьлш бу и адамийн сибатера боьхнарш? Хьан кхиийна, мичара схьабевлла бу уьш? Оьрсий ю шаьш боху къотIарчий чухецаелира кхуза къоланаш деш, адамаш дойуш, ницкъ беш. Юха уьш сацочухула, цара кхузахь йолийна боьхалла яржо чухьедира кхин берш. Конституционни низам хIоттабо шаьш бохуш, нохчийн къам хIаллак дар юхьарлецира цара массара а. Со дIа ца вахара Соьлжа-ГIалара, я сайн доьзал а ара ца беккхира. Суна моьттура, хьалхарчу тIамехь санна а доцуш, боккъалла а конституционни низам хIоттор бу кхузахь. Амма федеральни ницкъаша лелош дерг инзаре хIума ду. Цара бу бохучу нохчийн бандиташал къизох а, мекара а хиллера Россин бакъонаш ларъяран органийн белхалой. Шун доьзала гIо дина аьлла а, хIинца СаьIида сан доьзал шен тергоне эцна аьлла а деш дац ас хIара къамел. Шина тIеман эрчонех чекхдаьллачу нохчийн къомо шен адамалла ларйина ала гIерта со. Россехь а ма бу Нохчийчоьхь санна шортта зуламхой — хIора дийнахь адамаш дойуш, къоланаш деш, нах лечкъош, амма кхин цхьа а пачхьалкха ма ца йогIу царна тIе бомбанаш етта а, царна конституционни низам хIотто. Суна дийца хала ду, шуна соьга ладогIа а хир дац атта. Тахана суна чIогIа хала ду сан дас тIом бина хилла, сан ден мостагIа хиллачу пачхьалкха керла дахар доло дIаваха. Суна хала ду сан да-нанас къа хьегна, и шиъ дадоьIлинна долу нохчийн латта дита. Суна хала ду дерриге а дуьненчохь миллионаш адамаш хIаллак дина хилла фашизм шена чохь кхоллаелла хиллачу пачхьалкхахь сайн берана сирла кхане лаха. Амма тахана сурт хийцаделла. Фашистски хилла пачхьалкха адамаллин сибате йирзина, ткъа цуьнца къиссам латтош хиллачу Россехь фашисташна гIенахь а гина йоцу къизалла яьржина. Ельцина а, Путина а, Масхадовс а, Басаевс а кхин болчара а хIуъа дийцахь а, къаьмнашкара адамалла цкъа а йовр яц. ХIинца суна Исламе а, Борисе а вистхила лаьа, хIунда аьлча кханалера де, нохчийн а, оьрсийн а къаьмнийн кхане шу шиъ санна болчера доттагIаллех, вежараллех, бартах йоьзна ю. Суна лаьа ашиммо хIинца кхузахь, массарна а хьалха дош даларе оьрсийн а, нохчийн а къаьмнийн доттагIалла чIагIъярехь шайн ницкъ кхочург дийр ду аьлла. Ткъа хIинца сайн къамел дерзош, Исламе цхьа хIума дIаяла а лаьа суна — Петрс кисана а кхевдина цхьа жима ларча схьаицира — хIара лагжайна ас ИбрахIиман кочара схьадеккхира, догучу цIачуьра цуьнан дакъа айса арадаьккхича.

Ислам а, Борис а воьхна вовшашка хьоьжура. Петрс леккха хьала а айина массарна а гайтира юьткъачу зIена тIехь кхозу даточу соьман ах, цуьнан важа ах Борисан кочахь кхозура — иза цо Ислама вийначу саьлтичун кочара схьадаьккхинера. Цхьаьнаэшшара схьалагIоттуш, Петран карахь йолчу з1ене куьйгаш кховдийра Ислама а, Бориса а. Массарна а моьттира, и шиъ цу соьме хьажа гIерташ ву, амма Бориса сиха шен кочара схьадаьккхира и санна дерг. Массо а кхийтира и сом декъна хилар. Заргане а, СаьIиде а цхьатерра мохь белира:
— Мичара даьлла шуна и?!
Шина кIанта ма-дарра дийцира цу ирчачу буса мел хилларг…
Массарна а юкъахь Зарган а, СаьIид а бен дацара и сом хIунда декъаделла хууш. Шийлачу маьхьарца дехьа чу едира Зарган. Ткъа воьхна СаьIид аравелира, детталу дог а лаьцна. Цу шинна бен бевзаш бацара цу даточу соьман декъаза кхоллам. Ткъа кхин берш кхийтира кху доьзалан цхьа йоккха къайле даточу соьма тховса схьайиллиний.
Цхьа а вист ца хуьлура, хIора а шен ойланашкахь вара. Цхьа тамашийна, цхьа лазаме тийналла йоьссира, массеран а бIаьргара довха хиш хьодуш.
Мацца даьлла а бакъ дерг гучу ца долуш дуьссур дац. Цунна тIекхачале адам кхолламо къиза зуьйр ду, амма мел йоккхачу къайлене иза хьулдахь а бакъ дерг йочанах цIанъеллачу стиглара маьлхан зIаьнар санна къегина, летар ду.
Маржа яI нохчийн къам! Ма дукха ду-кх хьан баланийн бахьанаш, ма дукха зийна а, зуьйш а ду-кх хьо кхолламо. Кху доьзална хилларг а ма дара нохчийн къомана тIебеанчу баланан къеггина масала.
Ша араваьллачу цу йоцачу ханна юкъахь ма дукха ойланаш йира СаьIида. Боккхачу лазамо ша аьчка хIоза санна лаг лецира цуьнан. Дуьрачу бIаьрхех цIе летта йогура беснеш. Цо тховса делхош дара шен къам, бехк боцуш вийна шен ваша, цуьнан валар ца ладелла дуьненчуьра дIадахана да-нана, шена цкъа а гина а воцу, шен вешин сих ваьлла кIант…
Лазамо сабIарздина гатвиначу мIаьргонехь хIоттийра СаьIида шен дахарехь хIинца коьртачарех йолу Iалашо. Цунна лаьара шен къомана хIара бала тIебааран цхьа бахьана мукъне а каро а, цунна бекхам эца а.
СаьIида шена хьалха хIоттийначу Iалашонан цIе яра — Аль-Iазиз-Хаким. СаьIидана шен декхара хийтира нохчийн тIекхуьу чкъор хIаллак дан араваьлларг сацо. Исламана а, Борисана а тIера и Iожаллин мохь ша охьабоккхучу хенахь СаьIидана ша нохчийн къоман кханенах жоьпаллехь хетара. Кхана Петр а, Анна а, Борис а, Ислам а Москва дIабаханчул тIаьхьа иза ара вер ву шен Iалашоне кхача, иза юхаваккха цхьаьнан а ницкъ а кхочур бац.
СаьIид чоьхьваьлча массо а хьалагIеттира. Цо Зарган схьакхайкха элира Анне.
— ХIинца Анна а, Петр а, Борис а шайн петаре гIур ду хIуманаш схьая. Дукха хIума вовшахтоха оьшуш дац шуна, хьашт дерг бен. И хIуманаш а йохьуш кхуза схьадуйла. Кхузара дIагIур ду вай кхана Iуьйранна аэропорте. Цхьа буьйса кхузахь йоккхур ю вай цхьаьна — элира СаьIида Зарган чуеъча.
Уьш дIабахча, СаьIида шен кераюкъахь къевлира декъаделла дато сом. Жимма ойла а йина, СаьIида Ислам схьа а кхайкхина, иза цуьнан коча а уллуш элира:
— Ларделахь хIара.
Ткъа важа ах аганна чохь Iуьллучу Iийсан коча оьллира СаьIида. Шен вешин кIентан жимачу коьртах меллаша куьйг а хьокхуш, СаьIида деган Iийжамца элира:
— Сан хьомениг… хIинца хIара хьан ду хьуна… леладелахь, ларделахь… Дала Iалашвойла хьо.
— СаьIид, ишта нийса ду… шина кIантехь хила деза и сом… — елхаран къурдаш а деш, — элира Заргана.
— Хилла даьллачунна дан хIума дац… хIун дийр ду… геч делахь суна Дела — доккха са даьккхира СаьIида, ткъа юха жимма ойла йина элира — са довш лаьтта вайна… кхана новкъа бовлучарна тIера мовлид ешча дика хир дара.
— Хала хIума дац иза… ас хIинца сайн марвешига телефон тухур ю. Кхузахь леррина и гIуллакх деш ву и — реза хилира Зарган.
СаьIидан лаамца ЗаргангIеран хIусамехь мовлид йийшира. Хьеший дIасабаханчул тIаьхьа, массо а меттиг йол-йолчохь дIатарвелира. Даима цхьаьна рицкъа дууш, дика а, вуо а цхьаьна декъна долу хIара адамаш шайн дахаран керла агIо схьайелла йиссинчу тIаьххьара буса а цхьаьна дара. Дела ша воцучунна ца хаьа кхин дIа маца хир бу кхеран аьтто ишта цхьаьна кхин а хан яьккха…
Iуьйранна Мовсар а, Зарган а, церан бераш а Германе дIабоьлхурш новкъа баха дахара, ткъа СаьIид Нохчийчу дIавоьдуш вара. Бакъ дерг аьлча цхьа а кхеташ вацара иза хIун бахьана долуш цига воьдуш ву. ЗаргангIаьргара ша аравалале, СаьIида кухничуьра пхьегIа бухахь яздина кехат дитира Зарганна. Цу кехатехь СаьIида йишига хьехар дора Лиза а, Iийса а кхиорехь а, иштта алсам ахча а дитира цо кехатаца цхьаьна. Цунна хаьара кара дIаделча Мовсара а, Заргана а иза дIаоьцур доций.
Аэропортехь Петр а, Борис а, Ислам а юьстахваьккхина, СаьIида элира:
— Петр со дIакхачалц цига, хьо ву хьуна хIинца массо а хIуманна жоьпаллехь. Бераш ларделахь. Массо а цхьатерра човха а бе, хьайх озалуш а хилийта. Хьо ларор ву, суна хаьа. Дала яздинехь гур ду вай.
Вовшен Iа дика еш, маракхийтира и шиъ. СаьIида марайоьллира Анна а, Лиза а, шен йиша а, Мовсар а, церан бераш а. Жима Iийсан бесни тIе оба а йоккхуш, СаьIида Заргане элира:
— Йиша, ларвелахь хIара… хIинца хьо ден а, ненан а метта ю хьуна цунна.
Гуш дара СаьIида хIара къастар хала ловш хилар. — Ца деза суна дIасакъастар дукха дахлуш… со дIаваха веза… аш шайн кемане собар де — халла къурд беш иза а аьлла, сиха дIавахара СаьIид. Машенахь цуьнга хьоьжуш вара церан гергара стаг Хасанбек. ТIаьххьара юха а хьаьжна, массаьрга а куьйг ластийра СаьIида. Цаьрга хьоьжуш хIинца ирсечу, маьрша пачхьалкхехь керла дахар дара, ткъа СаьIиде хьоьжуш йоккха Iалашо а, чолхе некъ а бара…

Хьалхарчу книган чаккхе…

Эсаран бутт, 2001 шо.



                ЗАУРБЕКАН КЪАЙЛЕ
                ШОЛГIА КНИГА
Нана елча — белха бIаьрг хьан бацахь,
Дехе балан — лаза-делха дог хир дац хьан.
БIаьрг белхо — нохчо къонахчуьнан,
дог ца хилча,
Даймахках — лаза дог
мичара хир ду цуьнан…
(автор)

 

                Фашист

I

СаьIида машеннна чу а хиъна, Хасамбекана а хозуьйтуш, Вяземскийн байт йийшира:

«По милости твоей я весь насквозь расколот, —
Кирпич пенял гвоздю, — за что такая злость?»
«За то, что в голову меня колотит молот», —
Сказал с досадой гвоздь.

— Кеманна тIе ховшшалц собар хIунда ца дира ахь? Са тассале Соьлжа-ГIала дIакхача кхиор ма вара вайшиъ — элира Хасамбека.
— Iалур вацара со… кхетий хьо… хала ду суна.
— Кхета. ГIалгIайчоьнан дозанехь Мансурий, Мохьмадий дуьхьал вогIур ву вайшинна — дагадаийтира Хасамбека.
— Оьрсийн поэзи хазахетий хьуна? — хаьттира СаьIида.
— Хета. Цхьа нийса поэзи хазахета суна
— Муха нийса?
— Муха эр дара хьоьга… кхетий хьо оьрсийн поэташка кхочуш цхьа а вац. Масала, Некрасов, Тютчев, Пастернак, Добролюбов, Бунин. Бунинан поэзи а ю хьуна чIогIа хаза. Ас пхи том ешша цуьнан. Ахь хIинца ешнарг Вяземскийс язъйина ю-кх юй? ИбрахIима дийцинера соьга и Вяземский шортта дуьненчохь ваьхна бохуш. ИбрахIимана чIогIа езара литература. И ца хиллехь ас цхьа а книга ешна а хир яцара. ДагадогIий хьуна масех сохьтехь шена дагахь хууш йолу Пушкинан байташ йоьшура-кх цо.
— ДагадогIу — элира СаьIида, ткъа юха Некрасовн байт еша волавелира:
Кто на смерть был готов идти
За страждущего брата,
Тому с тернистого пути
Покамест нет возврата.
Непримиримый враг цепей
И верный друг народа,
До дна святую чашу пей,
На дне ее — свобода!
— Гой хьуна? Ишта поэзи хета суна нийса поэзи.
— Ахь айхьа язъйиний хIуммаъ? — хаьттира СаьIида.
— Ас мичахь язор ю стихаш… ахь хIун дуьйцу…
— Муха мичахь язор ю? Кехата тIехь язор- ю-кх — Iоттар йира СаьIида.
— Суна гитара лакха хаьа цундела. Высоцкий хазахета суна чIогIа.
— Нерваш ловзо хаьа-кх хьуна дика… Высоцкий тов… Высоцкий санна берш бан а бац… ткъа Бунина поэзи а, Высоцкийн кхолларалла а цхьаьна ма ца йог1у?
— Дер йогIу суна-м… цхьаъ коьртехь хуьлу, важа дагчохь.
— Дагчохь а, коьртачохь а Дела хила веза бохуш вацара хьо?
— Веза дера! Дела суна даима а ву сан дагчохь а, коьртачохь… а цул деза хIума дац.
— Хир ву дер. Хьо хьа ву вайн массо а агIор ларош… молла, а, эрудит а, полиглот а — юха а Iоттар йира СаьIида.
— Хьуна тIаьхьа кхууьр вац хьуна со! Хьо ву вайн полгилот а, триглот а… айнц, драй, фир, чур, пур, кхи муха олура аш немцоша капут, бамут, хендихох — чуьраваьллера Хасамбек — битте, фритте, ой мадам, трали-вали, шухер-махер, шумахер — гIадвахана воьлура Хасамбек.
— ДIавалахь хIинца Iовдал а ца лелаш! Немцой хьа бу чIогIа хьекъал долуш а, оьзда а.
— Бу дер! Гинера вайна церан оьздангалла 40-чу шерашкахь! Боьха фашисташ бу-кх хьан немцой… сан а, хьан а дедай немцоша ца байина Брестехь?
— Сацаел хIара машен! Саца боху ас хьоьга! Iовдал тентаг! Сацае ца баха ас хьоьга?
— Вай ахь хIун до? ДIасаца. Хьуо вола а велла, хIинца суна тIе мохь хьоькхуш ма ву хьо — элира Хасамбека некъайистехь машен а сацош.
СаьIида машенчуьра ара а иккхина юха а тIе мохь туьйхира цунна:
— Хьуна хIун хаьа кху дахарехь? МоттаргIанаш стенна лелайо ахь?
— Вай забар еш ма дара вай… забар еш. КъинтIера вала цатам хиллехь… вало хIинца чухаа машенчу… нах ма бу вайшинга хьоьжуш.
СаьIид, неI схьа а йиллина, тIехьа чухиира.
— Хьо багажник чухаахь а, цхьаьна машенахь дIаваха везаш ву вайшиъ — элира Хасамбека.
СаьIид цигаьрка оза волавелира.
— Суна лур яцара ахь? — хаьттира Хасамбека.
— Хьайниш оза… дикох хир ду хьуна.
— Дика ду… сайниш узар ю. Ткъа хьо хьайн «Мэрсаца» стенна ца веана? Иза а кхоош ю ахь?
— Хьан хIун бала бу? «Вир» сан ду. Сайна лаахь дIадужур ду, сайна лаахь латтор ду.
— Ткъа сан «вир» колхозан ду-м ца моьтту хьуна?
— Моьтту!
— КIант, хьо оцу фрицашна юкъахь чIогIа дарвелла!
— Хьо демократашна юкъахь дарвелла!
— Вайшиъ ишта лелахь дIа а кхочур вац!
— Охьавоссаве тIаккха со! Хьо ца хилча а дIакхочур ву со-м. ХIинцалц кхача а кхаьчна сайна оьшучу.
— Вай дика ду! Дика ду! ДIаяккхахь хьайн оьгIазло!
— Вац со оьгIазе! Со чIогIа эсала ву! ХIун де бах ахь соьга хIинца? — мохь хьаькхира СаьIида.
Хасамбека некъаийстехь машен а сацош элира:
— Дика ду! Цкъа меттаволахь! И Аль-Iазиз ву, Аль-Мазиз ву и Дала дIаэцар! Оьшуш вуй хьуна иза? Оьшуш велахь вайшиъ дIа цIа воьду! Вацахь, ас Минеральные Воды гIала дIакхетаво хьо. Цигара сарахь доьдучу кеманца Москва Исламана тIаьхьа кхууьр ву хьо.
— Вац! Вац! Ца воьду со цхьа а Москва! Ас лохур ву и Аль-Iазиз… сайн дерриге а дахар кхоор дац ас иза схьалаха, — мохь оьхура СаьIиде.
Хасамбека масех километр некъ а бина, Добролюбовн «Газетная Россия» цIе йолу байт йийшира:
Читал я русские газеты,
В них современные стихи
И философские ответы
Солдат, лишь взятых от сохи.
Читал я перечень подробный
Различных жертв различных лиц;
Читал разбор я бесподобный
На Русь взнесенных небылиц;
Читал отчеты министерства
И донесения вождей,
Примеры английского зверства
И русский ряд богатырей;
Читал о ходе просвещенья,
Торговли, фабрик, промыслов.
О размноженьи населенья,
О бескорыстии судов,
Шоссе, дорогах и каналах,
О благоденствии крестьян,
О наших дивных генералах,
О чувствах доблестных дворян.
Как Русь велика и богата,
И как порядка много в ней.
Как честь и правду чтим мы свято,
Как любит Русь своих царей…
Читал и думал: боже правый!
Как Русь велика и сильна!
Наверно, в свете нет державы
Такой блаженной, как она!

И зрел я Русь на поле брани
В позорном бегстве от врагов,
Среди проклятий и рыданий
В рекрутской сдаче мужиков,
В гримасах кислых при приказах
О вольных жертвах для солдат
И в смехе злом при пошлых фразах,
Что бой наш праведен и свят;
И в том, что наши воеводы
Умели там набить карман,
Где гибли тысячи народа
От перевязки сеном ран…

Я видел в Руси свод законов,
Вводимый прихотью судей,
Я слышал стоны миллионов
И вопль обиженных семей.
Видал я дряхлых инвалидов,
Судить посаженных в сенат,
Видал я, как, для царских видов,
Синодом управлял солдат,
Видал насильства архиереев,
Разврат и пьянство у попов,
Видал я школы для лакеев
И государственных воров,
Видал несчастные обвалы
Казенных зданий и мостов
И бар, блистательные балы
На счет обеда их рабов…

Видал я мерзости придворных,
И преступленье в блеске звезд.
И поруганье дев покорных
Через Нелидовский подъезд,
Видал главами просвещенья
Солдат и мерзостных ханжей,
Цензуры тяжкое давленье
И силу грубую царей.

Видал поэтов запрещенных
С стихом правдивым на устах,
В тюрьмах живыми схороненных
Или гниющих в рудниках…

И я поник душой смятенной
И думал: Русь, как ты грустна!
Ужель еще есть во вселенной
Такая жалкая страна!!
— Хаза юй? — хаьттира Хасамбека. БIе шовзткъе итт шо хьалха язъйина ю хьуна! Коммунисташна чIогIа езаш хилла и байт, Добролюбовс шайна язъйина йолуш санна. Хьо а ма вара вайн коммунист! — нийса бахий ас? — юхахьаьжначу Хасамбекана гира набарна корта а оллийна СаьIид.
— И ду хаза! Со ву кхуза байт йоьшуш къа хьоьгуш, хIара наб еш ву! Нийса олуш хиллера сан дас… къамел кIезиг мел до а, хьекъал алсам дер ду хьан. Цхьа бутт ма баьккхинера ас и Iамош… хIара ладогIа а вешаш вац.
— Дукха ма ле… посте кхочуш ду вай… хьайн доьхка а дIатасса, Iилманча…
— Хьо Цезарь-м вац? Цхьаьнаэшшара наб еш, юууш, ойла еш, къамел деш?

ГIебартойн-Балкхарера «Нижний Курп» олучу меттигера тIаьххьара блокпостехь, эскархоша кхеран машен а теллина, юха регистраци а йина, ГIалгIайчу дехьадовла бакъо елира.
Новкъахьовзам боцуш, Нохчийчу дIакхечира уьш. Кхузахь кху шинна дуьхьал веанера Мансур а, Мохьмад а. ХIинца СаьIиде хьоьжуш яра Соьлжа-ГIала… гIала аьлча а, цунах йиссина и Iаьржа херцарш. Ткъа кхана иза дай баьхначу юьрта хьалагIур ву, ткъа цигара лаьмнашка… замано зийначу нохчийн лаьмнашка! Кхана Iуьйранна дIадолор ду цо «Гезг» аьлла цIе тиллина операци кхочуш яр.

II

Ца хууш кIайчу кехата тIе Iанийна шекъа санна яьржаш яра стиглахь маьркIаже. Пешачохь самукъне лелхара дечиг. СаьIид корах арахьежира. Стиглара оьгура даккхий лайн чимаш.
— Беркате хиларан билгало ю, — элира ша шега СаьIида.
Ма дагна гергара дара ша дерриге а кху тишделлачу ден цIахь. Генарчу ирсечу бералле юхавирзича санна хетаделира СаьIидана. Логе юха а къаьхьа шад хьедира.
— ХIан… тоьур ду… со ма чIогIа кIадвелла тIаьхьарчу хенахь… йиш ма яц марш йизош Iа, — човхийра ша СаьIида.
Кху сарахь цунна ша доза доцуш маьрша а, жимма ирсе а хетара. Доьзална кхераме хIумма а дац.

Ислам а, Борис а баланах кIелхьараваьккхина. Цхьаннах а сагатда ца оьшу, хьайн ойланаш а, гIуллакхаш а лечкъо ца оьшу. СаьIидана хаьара кху жима цIа чохь Iаш шен ден йоккха къайле юйла. Дечиган паднарана бухахь Заурбека дIайиллина яра шен дахарера цхьа йоккха мехала, амма цкъа а цхьанга а цунах лаьцна дийцина дацара цо.
Ша дуьххьара Германе дIавахале СаьIида гIо дира дена цу паднаран шалха бух боккхуш, цхьа йоккха ларча дIайилла.
Массо а хIуманан шен хан ю — цул нийса аьлла хIума дац кху дуьненчохь. СаьIид кхетара тховса гучуяла доьгIна хиллий Заурбекан дахаран къайленна. Амма СаьIидана ца хаьара цу къайлено шена муха боккха тIеIаткъам бийр бу.
Довха чай а доьттина, паднар тIе хьала а ваьлла паргIат ларча схьайаста волавелира СаьIид.
Уггаре а тIехула, лерина тишачу газетана юкъа а хьарчийна, Iуьллура кочахь лелош долу жима ши жайна. Меллаша уьш юьстах а даьхна, СаьIид кхин дIа хьажа волавелира. КIайчу кIадина юкъахьарчийна дара тишделла, КъорIан, ткъа цунна уллохь Iуьллура жима шаьлта, цуьнан буьткъа мукъ къегина лепара чIураман серлонехь. Иштта ларчанна юкъахь хиллера тапча а, федералаша зачисткаш ечу хенахь дIаяхьанчу тоьпан патармаш а.
СаьIид цецваьлла ца волура. Дуьненан жоьжахате хIоттийна, хIара берриге а мохк цIийла карчийначу хенахь а, нохчийн къаноша лардеш хилла-кх шайн герз а, шайн доьналла а. Ткъа ишта къам къарлур дуй цхьаьна а эскаре? Болатах дина хилла теша нохчийн къоман са? Шаьлтанца цхьаьна Iуьллура Заурбекан кхоалгIачу ден ТIасин хилла дато доьхка а. СаьIида и массо а хIума схьа а яьржийна охьайиллира шена улло, царна тIера чан дIайоккхуш уьш цIанъян. Юха цуьнан бIаьрг кхийтира ларчанна чохь долчу кехатех. Цо схьадаьстира уггаре а тIехула Iуьллуш долу замано маждина кехат.
СаьIид кора йисте охьахиира, чIурам шена улло а оьзна. ХIара йоза Заурбекан куьйга яздина хиларх кхийтира СаьIид. Цуьнан тидам тIеберзийра, йоза долалуш, цуьнан коьртехь даккхийчу элпашца «ФАШИСТ» аьлла яздинчу дашо.
«…Иза дара Казахстанехь. Мангало кес санна мацалло эгош дара вайн къам. Дуста а, оза а, барам а терза а карор доцуш бара и вайнехан къомана тIехIоьтттина бала. Амма хIете а сий охьа ца дилла гIерташ, яхь дIа ца яла гIерташ, дахарах тийссалора нохчий. Вовшашна гIо дора хIетахь нохчаша. Шен диканах вер ву аьлла ца хетара цхьаьнна а. Жима буьртиг бен и бацахь карадеъна рицкъа доькъуш дара.
Тхуна луларчу кIоштахь кIа чудерзош белхаш бара дIахьош. Студебеккерш тIехь дIасакхоьхьуш дара кIа. Иза чIогIа лардеш а дара. Цуьнан цхьа кана лачкъаяхь а тоьпаш тухуш яра.
И машенаш дIасалелачу некъашка доьлхура тхо мохо дIасакхоьссина а буьртигаш карор дацара те бохуш. Цигара а милицис лоьхкура тхо. Иштачу цхьаьна дийнахь тхо дехачу юьртахь сецира еса Студебеккер машен. Иза лелош вара Поволжера Казахстане дIавохийна волу немцо Вайц Алекс. Радиаторчу хи дуттуш ву аьлла моттаргIа а йина нохчийн зудчуьнга сиха элира цо цхьаьнна а ца хезаш:
— Кхана хIокху хенахь, билггал цигахь, некъо гола тухучохь кIа чохь долу машен тIекIал ер ю шуна. Амма цкъа хьалха кIа лаьттах дилла деза шуна, милицина ца карадайта. Цундела ларлуш хилалаш… чIогIа кхераме ду шуна.
Цу купехь Iаш мел волчу нохчочуьнга дIакхаьчнера и хаам. ТIекхечира сатийсина мIаьрго — кIех йоьттина и йоккха машен тIекIалъелира. Зударий, божарий, бераш, баккхий нах — массо а тIехьадира кIа схьагулда — цхьаболчара гали дузадора, кхин болчара эткашчу духкура кIа. Ткъа немцо «фашиста-м» некъа йисте охьа а хиина Iаш вара, хазахетарца вела а къежаш:
— Же, сихо елаш, милици тIекхачале шортта схьагулда хьовсалаш, дIалачкъаделаш и, биц ма лолаш, — бохуш нахе мохь а бетташ.
Нах кхиабира аренца дIасадаьржина кIа схьагулда НКВД тIекхачале. НКВД схьаеара. Цара къизаллица дIасалоьхкура зударий а, бераш а, ткъа юха тIаьхьадиссина долу кIа, бензин а, солярка а тоьхна, цIе тесна дагийра, тхоьга кхин иза схьа ца эцийта. Дукха нах мацаллах кIелхьара бевллера хIетахь Алекса охьахарцийна и машен бахьана долуш
НКВДШникаш дера жIаьлеш санна тI****табелира немцочунна. Цара къиза йиттира цунна, кирзови эткашца мираш детташ, керчавора цара и лаьттахула. Со кхетара Алексе хьоьжуш советски къиза набахте хилар. Со цуьнан бIаьра хьаьжира. Дохковаларан хьаса а бацара цу бIаьргашкахь, мелхо а хазахетаран цIе йогура… шен тхуна гIо дан аьтто баларна. Суна цкъа а дицлур дац и де… некъа тIехь Iуьллу кIа, немцочун соьга схьахьажна ши бIаьрг, «неIалт хилла фашист» бохуш саьлтиша диттина маьхьарий. Иза гуттаренна а дижина сан иэсе. Сан дагна хала дара лан динаца а, къомаца а тхуна хийра волчу стаго тхо бахьанехь шен дахар кагдеш хилар…
Алексан цIа а кхечира Iедал. Маьнги бухахь жима кеда чохь кIа карийра, шен берашна дIадиллиначух тера дара цо иза.
Цара къизаллица йиттира цуьнан зудчунна Вайц Эльзина. Цо хьоькхучу шийлачу маьхаьро Iадийнера берриге а урам. ЦIех юьзна Эльза аратакхийра НКВДшникаша. Иза а лаьцна дIайигира, ткъа церан жима ши бер — йоI а, кIант а берийн цIийне дIадигира. Суна цкъа а дицлур дац Эльза шен берашна тIаьхьа хьежар. Оцу мIаьргонехь адаман сибатах йоьхнера иза… иза чов хилла экха санна даръелла дIасахьоьжура.
Тхо Iаш долчу лаппагIан корара схьаоьхура нанас беттинчу хьокхаман и мерза хьожа. Алекса Iанийначу кIех даьккхинчу дамах бина бара и хьокхам. Цуьнан жима цостар кхаьллира ас. Сан логех диссира иза, цо лазош Iовжийра со… моьттура ас кхаьллинарг довха хаьштиг ду. Цу дийнахь дуьйна хIоразза а сайна бепиг гича суна дагавогIу Вайц Алекс а, шен ши бер дIадуьгуш, Эльзас хьекхна хилла и шийла мохь а…
И шиъ дIадайра дуьненчохь ца хилча санна. Дукха хан ялале, сан дахаран некъаш а галморзах девлира. Соьх стаг хьерчира. Сан ойла яцара иза вен. Сан нанна цо боьха дош аларна, иза жопе озо гIоьртира со… тхойшиъ тассавелира… со а чевнаш йина вара, иза а вара… амма Делан кхел нисъелла иза дIавелира. Суна хан туьйхира. Цигахь, цу шийлачу набахтехь юха а хезира суна «фашист» боху дош. Иза хиллера Вайц Алекс. Iедало дарбелла зекаш бара цунна тIетуьйссуш. Ша маккхал санна тIехьаьдира со царна… хьерваьлла летара со царех, тIара ца кхетачохь буй тухуш, мира бетташ, цергаш юхкуш… ерриге а камера цIийх дIаюзийра ас. Алекс хьоьжура соьга, цуьнан бIаьргашчохь ша тхуна кIен машен охьахарцийначу дийнахь санна хазахетаран цIе яра йогуш.
Цу буса со карцер чувоьллира. Цхьа кIира даьлча суна Вайц велла аьлла хезира. Ца лайначух тера ду цо даима шена тIехь латтош хилла къизалла.
Сталин боху жIаьла деллачул тIаьхьа, со кхин а дуккха а берш санна амнисти хилла, маьрша велира.
Со цIа веара, цIа аьлча а со набахте дIавигале Iаш хиллачу меттиге.
Диъ шо даьлча нохчашна цIа баха мега аьлла омра делира. И хаам суна башха боккха кхаъ бацара, хIунда аьлча со чIирхо хиларна, суна цIехьа боьду некъ бихкина бара. Закона таIзар суна динехь а, Iадатан кхелах со ваьлла вацара. Ас вийначун наха, со витталц сан йиш яцара Даймахка ког баккха. Со Казахстанехь виссира. Кхузахь кхууьш дара сан ши бер а — СаьIид а, Зарган а.
Цхьаьна дийнахь, урамновкъахь суна дуьхьал кхийтира бен доцуш корта а оллийна йоьду цхьа зуда. Иза оза, беркъе яра, амма цо корта хьалаайбича, суна бевзира Вайц Эльзин хIорд санна сийна ши бIаьрг.
Ма декъаза дара Эльзин сибат. Цуьнан бIаьргашчохь сатийсаман цхьа хьаса бацара, цу чохь сецнера, хIетахь шен ши бер дIадуьгучу хенахь йоьссина шело. Тхойшиъ къамеле делира. Цунна а со вевзира. Набахтера араяьлча, яха меттиг йоцуш йиссинера Эльза. Иза шена тIелаьцнера ша Iаш йолчу цхьаьна казашка йоккха стага. Эльзас дийцинчо Iадийнера со. Цуьнга са хаддалц шахтехь болх бойтуш хилла, доккхачу Iазапах чекхяьлла а, ницкъ беш хилла цунна тIехь. Эльзас дийцира соьга шен кхин цкъа а бер хир дац аьлла. Цуьнан хазаллех цхьа хIума ца диссинера.
Хьуьнхахь экхана хIоттийначу гуро санна, со лазош гIайгIано лецира. Суна со бехке хетара ВайцгIеран доьзална хиллачух. ХIетахь цо и машен тIекIал яккхар бахьана долуш ма виссира со мацалла валанза… со а сан къомера дуккха а нах а…
Суна Вайц Эльза гина ши кIира далале, сан зудчун Хедан бер даран хан тIекхечира. Тхойшиъ бен чохь стаг а вацара. Доккхах долу ши бер сан ваша волчохь дара, нана цу хьолехь хилар бахьана долуш.
Ас йоккха стаг казашка кхайкхира. И гIуллакх карадирзина яра иза. Цо реза йоцуш корта ластийча хиира суна, Хеда атта паргIат ер йоций. Со гIайгIанца арахь лаьттара, амма дукха хан ялале, буьйсанан тийналла Iадийра, дуьненчу даьллачу бера тоьхначу маьхьаро. Кор схьа а диллина йоккхачу стага элира соьга:
— Кхин цхьа къонаха тIекхийти шун къомана! Чоьхьавала.
Со чукхаьчна валале, цхьа кхин мохь белира зудчуьнга:
— Вай АллахI, АллахI! Собар делахь… кхин цхьаъ ма ву кхузахь… хIара а боьрша ву… хьо ма ирса долуш хилла, нохчо!
Iазапах паргIат даьлла, гIелделла Хедин дегI, набаро лецира. Ас йоккхачу стагана баркалла а аьлла, ахча а делла, иза дIаяхийтира, кхин дIа дерг айса дийр ду аьлла.
Иза дIаяхча, ас мелачу хица ши а кIант лийча а вина, шайн ненан некха тIе виллира. Шурах вуьзначу цу шинна наб кхийтира.
Хьалхара дуьненчу ваьлларг мелла а могашаллина тоьлла а, нуьцкъала а вара. Иза довхачу юргIанна юкъа а хьарчийна юьстах ваьккхира аса. Ткъа шолгIа виначунна ИбрахIим цIе тиллира… Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) схьаваьллачу пайхамаран ИбрахIиман сийнна. Иза шен нанна улло охьа а виллина, сиха сайна а тIе а йовха хуIма а юьхна, айса юьстах ваьккхина хилла кIант а эцна аравелира, сайна тIаьхьара неIарах догIа а тухуш.
Буьйса екхна яра. Стиглахь къегина лепара седарчий. Сан марара кIант хур-хур деш самавелира. Воьдучура саца а сецна, цуьнан юьхьтIера юргIа дIа а озош, ас кIентан лерехь Дела цхьаъ веш, ШахIадат дийшира, ткъа цул тIаьхьа ши туьте санна лепачу цуьнан бIаьргаш чу а хьожуш элира:
— Хьо Болат ву хьуна… нохчо ву хьуна… болат санна чIогIа хилалахь даима.
Меллаша, дитта кIел кIант охьа а виллина, Вайц Эльза Iаш йолчу цIенон неI туьйхира ас. Цецяьлла зуда кхеташ яцара со хIун дахьаш веана.
— Сан къамел ду хьоьца, сиха араялахь — дийхира ас.
Иза суна тIаьхьа араелира. КIант кара а оьцуш, ас элира:
— ХIара кIант ву! Кхуьнан цIе Болат ю. ХIара ши кIант шала вина масех сахьт хьалха. Ас зудчуьнга хIара велла эр ду. Нагахь санна хьо реза елахь, хIара бер эций дIагIо кхузара мелла а чехка. Ахча ас лур ду хьуна. Германи дIаяха хьажа. Алекс араваларе са ма тийсса. Иза велла, суна сайна гира набахтехь.
Кху жимачу кIорнис дахаран маьIна а, керла доьзал а лур бу хьуна. Оцу кепара суна лаьа сайн къомана а тIера бехк цIанба, тхо бахьанехь шуьга и бала беана хиларна. Нагахь санна хьо реза елахь, кхузахь ца лаьтташ чекхка чу а гIой хьайн хIуманаш гулъе, тховссехь дIагIо.
Iадийна Эльза мотт сецча санна лаьттара.
— Реза юй хьо? — юха а хаьтира ас?
Иза кхин йист ца хуьлуш, чуедира, ткъа пхи минот ялале, жима тIоьрмиг а карахь араелира. Ша Iаш йолчу йоккхачу стаге, цIийндех лаьцна хаам беана, сихонца луларчу юьрта яха еза элира цо.
Эльзин кара кIант дIа а луш, ас элира:
— Амма сан цхьа дехара ду хьоьга… кхунна даима хаьа деза ша нохчо вуй… Болат нохчо… чIинхо тайпанера.
— Нохчо Болат чIинхо тайпанера — элира Эльзас, кIант шен мара а къовлуш.
Эльза цу буса дIаяхара. Кхин суна сайн дахарехь ца гира Болат а, Эльза а, я хетарехь гур а дац.
Со чувеъча Хеда а, ИбрахIим самадаьллера. Ас зудчуьнга дийцира тхан шолгIа кIант велла хилар, со буьйсанна иза казахийн кешнашка дIаволла вахана хилар а.
— Iуьйре хиллалц собар дан мегаш дацара? — хаьттира Хедас.
— Делла бер гайтина, хьан дог дохо ца лаьара суна — жоп делира ас.
ШолгIачу дийнахь ас сацам бира, цу юьртара сайн доьзал а эцна дIаваха — со кхоьрура эладитт даржарна, хIунда аьлча Хедина бер дан гIо деш хиллачу йоккхачу стагана шен бIаьргашца гинера могуш-маьрша шолгIа кIант…».

СаьIида корта схьалецира. Цуьнан бIаьрхишца нийсса, мажделлачу кехата тIе марара масех цIийн тIадам а буьйжира — СаьIидан давлени хьалаяьеллера. Цо ара а ваьлла, шийла ло хьоькхура шен юьхь тIе, оцу кепара ша меттавало гIерташ. Эчигах дина ма дацара СаьIидан дог — кху тIаьхьарчу масех баттахь дукха хIума лан ма дезнера цуьнан, амма детталучуьра а, лозучуьра а дог соцуш дацара.
ЦIеххьана сел къиза дийна ИбрахIим а, Хьава а, цхьаъ цхьанна тIаьхьа дуьненчуьра дIадахана да-нана, Iожаллан карара ваьккхина Ислам, цхьа тамашийна цIа дирзина и дато сом, ткъа хIинца Заурбекан дахарера гучуяьлла хIара инзаре къайле. Цу дерригенах а кхета а, иза лан а хала дара…
СаьIид чоьхьа велира. Шелонах а, бIаьрхих а, хьалаяьллачу давлених а цIийелла цуьнан юьхь алу хилла йогура.
— Иза хилла-кх и Вайц Эльза! — ша шега элира СаьIида.
ХIинца цо шен иэсехь луьстура Заурбекан хIора а дош, цо бина хIора а сацам а. СаьIид кхийтира стенна лиънера дена шен чIир йитинчул тIаьхьа Казахстане ваха, ша хIунда воьду цхьаьнга а ца олуш… гергара нах а кхеран цигахь Iаш бацара, массо а Кавказе цIа веанера.
Хьалхара тIом балале, СаьIид МВД-хь балхахь волчу хенахь, Заурбека дуьххьара еккхира и цIе — Вайц Эльза. Цо чIогIа дийхира СаьIиде и зуда лаха аьлла. СаьIида лоьхура, амма цунах лаьцна цхьа а хаам карош бацара. Дас кест-кеста хоттура цуьнга, амма СаьIида мел лехарш, кехатах яздарах, гIуллакх хьлуш дацара, дуьненчохь ишта цIарца адам доцуш санна.

СаьIид дега кхин а цунах лаьцна хатта гIертара, амма цо кхин олуш хIума дацара Вайц Эльза цIе яккхар бен. СаьIидана моьттира Заурбекан дахарера цхьа агIо ю и, цуо эхь-бехк лардеш ца юьйцуш, цундела кхин хаттарш ца лора цо цуьнга.
И цIе юха а хьахийра Заурбека, СаьIида ша Нохчийчуьра дIагIур вара аьлла дуьххьара шен ойла йовзийтинчу хенахь. Европа аьлла дош багах доллушшехь, Заурбеке мохь белира:
— Германи!
СаьIид цецваьлла хьоьжура цуьнга.
— Германи! — юха а элира Заурбека. Хьо воьдуш хилахь Германи а гIо, цигахь Вайц Эльза схьа а лаха.
Ткъа СаьIида леха ма лийхира. Кара ма ца йира. Мича яхна те иза? Болатах хIун хилла те? Дийна мукъне а дуй те и шиъ? Аьллий те Эльзас цуьнга и нохчо ву?
СаьIид юха а корта а лаьцна охьахиира. ЦIеххьана дагатессира нана.
— Дакъаза ма яла хьо! Айхьа Iазапех цу буса дуьненчу даьккхина бер делла моьттуш, Эхарте йирзина-кх хьо… хIун дийр дара те ахь ИбрахIим шен кIанта виний хиънехь? Йа Аллах Дела! Собар ло ахь суна! Олуш ма дара, Ахь баланца нийсса иза лан собар а ло… — СаьIида сацанза доьшура шен мел хуу аят и сурат а цхьажимма мукъне а шен са паргIат даккха.
СаьIидана хIинца ца хаьара ша уггаре а хьалха мила лаха веза? Аль-Iазиз я шен нанас дена вина ваша?
Амма иза тешна вара Заурбекан гучуьяллачу къайлена и вербовщик хIаллак ван ша хIоттийна Iалашо юхатоттур ца хилар, хIунда аьлча Ислам а, Борис а санна кхин а шортта хир бу нохчийн кегий нах, ткъа уьш массо а СаьIиде кIелхьара бахалур бац, цундела нохчийн къоман кхане ларъеш, хIаллак ван веза Аль-Iазиз. Ткъа Вайц Эльза а, Болат а мичахь лаха деза? Дукха ойланаш а йина, СаьIид юха а ша хьалха биначу сацамна тIевеара. «Гезг» аьлла йолу операци кхиамца чекх а яьккхина, иза Германе дIагIур ву, ткъа цигахь шен ницкъ кхочург а ца кхочург а дийр ду цо Болат схьакаро, дуьненчуьра лар йоцуш дIадан йиш ма яц цу шинне а.
Жимма метта а веана, СаьIида сацам бира хIара ларча ша ма хилла, дIа а хьарчийна, юха а паднарана буха дIайилла. Амма цу чохь кхин а кехаташ хиллера.
— ХIара хIун ду те? Соьга лалур ма дац кхин а цхьаъ карадахь…
Кехаташ дукха дара…

1995 шо… СемаIашка… оьрсийн саьлтичо цхьамзанна тIе айдира ворхI бутт кхаьчна нохчийн бер… кхин а шийтта берана урсаш хьаькхнера, уьш пхеа шарера шийтта шаре кхаччалц бара.
СемаIашка юьртан школан директор Абуталиб зIенашца диттах вихкина карийна, цуьнан логах урс хьаькхна саьлтиша.
1994 шо… Соьлжа-ГIала… саьлтиша урс хьаькхна шина доккхачу стагана…
Алды… берах зуда а, цуьнан шо кхаьчна кIант а тоьпаш тоьхна дийна…
Хьалха-Марта… герз а, деши а доьхуш саьлтийша масех доьзал бийна, тоьпаш тоьхна.
Соьлжа-ГIала… Березка юрт… кхузткъе итт шо кхаьчна Султан дийна воллушшехь жIаьлешна ваийна…»

ХIаваъ ца тоьуш, СаьIида кор схьадиллира. Арара шийла мох чухьаькхира. Ишта йозанаш дукха дара кхузахь. ХIора а кхузахь яздинарг хIинца хуьлуш долуш санна бIаьргаш хьалха хIуьттура СаьIидана. Иза Россин эскара дина зуламаш довзуьйтуш, дийнна тIеман архив яра. Ткъа Заурбеке мичара яьлла иза? Цхьа долу йозанаш цуьнан куьйган дара, кхин дерш дацара… цхьаммо дохьуш хилла-кх цунна уьш, ткъа цхьа дерш ша яздеш. Мухха делахь а СаьIида сацам бира и ша дерриге а шеца Германе дIадахьа.
— Ткъа хIинца жимма наб ян еза — СаьIид ларча юха а дIа а йиллина, кор дIа а къевлина, ден хиллачу меттахь набарна тевжира, ткъа чолхе ойланаш коьртехь шайн маша буцуш яра…















                Аль-Iазиз-Хаким

I

СаьIид сатассале самавелира. Пеш латийна, чоь йох а йина, Iуьйренан ламаз а дина, СаьIид аравелира. Дерриге а дуьне йоккха кIайн шаршу тессича санна дара. Са хиллалц эхначух тера дара ло.
Екхна хиларна геннара дIахьаьжча гуш дара нохчийн лаьмнийн кортош. Йоккха лайн межарг а йина, СаьIида иза генна дIакхоьссира. Лайн межарг къеначу бIаран диттах кхийтира. СаьIид вехха хьоьжура лаьмнашка. Цхьа шатайпа дара уьш. Цуьнан тидам СаьIида ша Европехь Iаш волчу хенахь бинера, доьзалца цигара Альпашка вахча.
Лаьмнаш шайн Iаламан хIоттамца цхьатера делахь а, амма цигахь нохчийн лаьмнашкахь санна кхерамца иэбелла, цхьа тамашийна синхаам ца буссура кийра, заманан болар сецна, хьо абаде кхаьчна хеталуш.
Нийса луьйш хилла хир бу нохчийн авлияаш, кху лаьмнашкахь цхьа къайле, цхьа йоккха мехала ю бохуш, — ойла йира СаьIида, ткъа юха ша шега элира — цкъачуна-м цигахь гучуяьлла мехала — адамийн Iенаш долу цIий бен дац.
Цундела хеталуш а хир дай и лаьмнаш шатайпа? Лайначу баланаша кийра цIанбеш, синмехала алсам ма йоккху. Эзар шерашца Iенаш ду нохчийн лаьмнашкахь цIий, эзар шерашца цу лаьмнаша тIеоьцу кху дуьненан харцонах ца кхеттарш. Мел идарх хIара зама шен болар хуьйцуш, мел хийцабаларх Iедалан дай, лаьмнашкахь ю нохчийн историн пхьалгIа. Шен хаттарна жоп СаьIида а сацам бинера лаьмнашкахь лаха. Тахана делкъхенахь иза Шуьйта схьалагIур ву. Цигара Борзехь Саьид Заурбекан маьхча Сайпудди волчохь соцур ву. Цигахь ойла йийр ю цо ша кхин дIа хIун дан деза. Мухха делахь а муджахIедех дIакхета везаш ву и.
Борзехь синтеме дацара. ГIалар юхабевлла тIемалой, коьртачу хьолахь, лаьмнашкахь бара, цундела тIеман цIе кхузахь къаьсттина чIогIа марсаюьйлуш яра.
Ло хьаькхначу готтачу некъашкахь наг-нагахь гучудуьйлура шаьш ца гайта, кIайчу духаршкахь дIасалелачу тIемалойн гIаларташ.
Нохчийчоьхь хIоьттинарг ирча хьал дара. Ламанца а, аренца башхалла йоцуш Iенара маьршачу адаман цIий. Кхузахь хуьлуш долчунах тIом бу ала хала дара. ТIом ишта беш ца хуьлу. ТIом беш цхьатерра эскаран ницкъаш болу ши пачхьалкха хуьлу, шаьш хIун къуьйссу а хууш. Ткъа Нохчийчохь ядерни ницкъаш болу, Iаламат йоккха пачхьалкха яра шен кераюккъе диллал бен доцу жима къам барам боцучу къизаллица хIаллак деш. Ткъа дуьне-м бен доцуш хьоьжура цу суьрте, иза ишта хила дезаш долуш санна.

Шен ден къайле гучуяьллачул тIаьхьа, СаьIид тешна вара кху дуьненчохь кхин ша цецваккха а, шен дог хьеда а хIума диссина ца хиларх. Цунна моьттура лайн чимаша кIайинчу цу буса шен бIаьрхиш а кхачийна, дог а гуттаренна лезна даьлла. Амма хIора дийнахь гонаха хуьлуш долучу кхин ойла йойтура.
Зачисткаш, даш санна дIедетташ долу герз, дойуш долу адамаш, деш долу къоланаш — ишта дара Нохчийчуьра дахар, цунах къам ца даьлла доьллера. Дакъа цIа деъча, деши гали карийча санна хаза а хетара, ткъа валар доккха совгIат а лорура… коьртаниг ду Iазапан набахте ца кхачар я, мецачу жIаьлин бага ца вахар, ткъа тоьпан даьндаргах валар-м массарна а ца доьгIна ирс хетара.
Оьрсийн эскархошна атта ахча даккха бахьана карийнера. Велла а дийна а шайн стаг нохчашна цхьатерра веза вуй хиъча, уьш декъий дохка буьйлабелира.
Паспортни раж толлу бохуш бахьанаш а хIиттош, цара мелла а хьал долу доьзалаш билгалбохура шайна, ткъа церан стаг дIавига бахьана лоьхуш къа хьега ца дезара. Шамановс аьлла дара жима а воккха а массо а нохчо бандит ву, ткъа дика нохчо иза велла нохчо ву.
Ткъа юха «Iожаллан карта» кхуллура. Цигахь цара билгалдоккхура мила мичахь дIавоьллина ву, церан гергарчарна ахчанах дакъа дIадала. Нагахь санна гергарчаьра шен хеннахь ахча ца деъча я, дерриге а ца деъча, цара уьш цу картан массо а маьIIехула хоьхкура, билггал меттиг ца хаьа шайна бохуш, бахьанаш а дохуш.
Сайпуддин лулара Зара а хеттера федералашна хьал долуш. Шен цхьаъ бен воцучу кIантаца Борзера марден хиллачу доккхачу цIа чохь Iаш яра иза. Цуьнан цIийнда хьалхарчу тIамехь вийнера, хIорш гуо лаьцначу Соьлжа-ГIалара арадовлучу хенахь. ЦIийнда вийначул тIаьхьа, Зара шен кIантаца марзхой болчохь яха хиира.
ХIара ков-керт хаза а, йоккха а, тамехь а хиларна, кху доьзалан шортта таро хир ю моьттинчу эскархоша, хIуммаъ бен доцуш дIавигира Зараан кIант — ткъаессана шо кхаьчна Iийса. СабIарзделла хьийзара, де доьхна нана. Цунна орцах велира массо а. Башха цецвала хIума дацара Зараана хилларг, амма хIете а йиссина Iаш, ша цхьалха кху дахарах тийссалуш йолчу зудчун цхьаъ бен доцучу берана хиллачо тIеIаткъам ца беш ца витинера цхьа а.
Нийсса шо дара Зара хIара ерриге а Нохчийчоь мел ю дIасауьду. Ма дукха декъий кегийнера цуьнан ховхачу куьйгаша. ХIора а буса дуьхьалтуьссура цунна бIаьргаш даьхна, меженаш йоцу и ирча сибаташ. Беллачарна а, дийначарна а юкъахь сацанза лоьхура Зарас шен дахаран маьIна, дуьненан гIортор цхьаъ бен воцу кIант Iийса — зудчун дегIах йоьллера декъех схьаоьху боьха хьожа.
Бекарг беттан чаккхе яра иза. Нохчийн къоман рузманца Iай, бIаьстий къастаран мур бу иза. Халкъалахь олуш ду, оцу деношкахь бIаьстене шен меттиг дIаяла ца лууш, Iа карзахдолу, цундела оцу деношкахь тмашийна хуьлу арахь — даккхийра лайн чимаш эга дуьйлало стиглара, ткъа минот ялале маьлхан зIаьнарша сирла доккху дуьне.
Цу дийнахь карахь гергарчара а, марзхоша а, тейпанера наха а халла вовшахтоьхна ялх эзар доллар ахча а, шен кIентан дакъа каро сатийсамах дуьзна дог а долуш новкъаелира Зара.
Иза шен маьршичаца Ахьмадаца билгалйиначу меттиге еара. Цунна эскархоша мегар дац элира шайца дIава, ткъа Зара церан тIеман УАЗа чу а хиина федералашца дIаяхара. Уьш дикка гена бевлира. Геннара дIахьаьжча гира Зараана доккха ор. Цу чу а йоьссий, хьайниг къаставе, ткъа шаьш юха иза хьалавоккхур ву элира федералаша.
Зара меллаша чуйоьссира. Дахкалуш долчу декъех инзаре боьха хьожа яра схьаоьхуш. Уьш бIаьрго ца лаццал дукха дара, вовше тIекIал а диттина, цхьа дерш дерзина дара, важа дерш тIехь Iазап латтийна, меженаш йоцуш дара. Зараана сиха вевзира шен кIант. Иза хIинцалц лагерехь а латтийна, дукха хан йоцуш вийначух тера дара.
Хьажа тIера жима минга а, гуттаренна юьхь тIехь сецна нуьре велакъежар а. Минот ца елира Зарас ша кийча ю аьлла мохь тоха, амма цунна гира шен кIантана юххехь Iуьллучу декъан куьйга тIера бегийна цIаза пIелг. Зара Iадийна дIасахьоьжура.
— Дийна ву хьо? — хаьттира цо дегочу балдашца.
КIентан бехделла и оза куьйг довха дара. Зара кхийтира иза дийна хиларх. Йиттина кхетамчуьра иза ваьлча, велла моьттуш, декъашна юкъа дIакхоьссинчух тера дара иза федералаша.
Ойла ян хан яцара Зараан, амма цу мIаьргонехь цуьнан бIаьргаш хьалха дIауьдура ша кху шарахь мел лайнарг таханлера дийне кхача. Борзехь-м хIинцале адам хир ду тезетана гуллуш, каш хир ду доккхуш, Iийса шен дена улло дIаволла. БIаьргаш хьалха хIоьттира цуьнан сибат а. Кху хьолехь цуо хIун дийр дара те? Амма и дац коьртаниг. Зарас муьлха а нанас дан дезар дийр ду хIинца. ХIара нана ю. И сийлахь йоккха цIе Дала шена елла хилча, башхалла яц тахана веллачун хуьлийла хIара нана я дийна волчун хуьлийла.
Зара кхетара шен кIант хIинца цкъа а юха воьрзур вац, цигара цхьа а вирзина а вац цкъа а. Кешнашкахь хин болчу цу барза а хийца хIума дац, и кешнийн баьрзнаш беллачарна оьшуш дац, уьш дийначарна оьшу. Наб яйначу буьйсанашкахь, гуро лаьцна экха санна етталуш хир ю, декъаш юкъахь Iуьллуш, амма дуьненчуьра рицкъа ца хаьддачу кху кIентан миска нана. Дала ша иштачу харжамна хьалха хIоттийна хилча, и харжам ша нийсаниг бийр бу аьлла — сацам бира Зарас.
— Ас хьо сайн кIант ву эр ду… ас дакъа ду аьлла схьалавоккхуш ву хьуна хьо… варийлахь, меттах ма валалахь — элира цуьнга Зарас.
КIанта меллаша хьедира сецначу цIийн таммагIех дуьзна шен оза куьйг.
Ткъа юха меллаша шен кIентан докъана хьалха гора охьалахъелира Зара. Цо ховха куьйг хьаькхира цуьнан къоначу, хIинца а чо баланза бесни тIе.
— Дала декъалвойла хьо, сан хьоме кIант… къинтIера вала суна, Iиса, ца яьлла вуьту ас хьо кхузахь… дийна волчун дахар ларда лии суна… хьо кхетар ву соьх… вайшиъ гур ма ду… вайшиъ Эхартахь гутаренна а цхьаьна хир ма ду.
— Со кийча ю, — мохь туьйхира Зарас лакхахь болчаьрга.
Цхьа федерал охьавоьссира.
— Муьлха ву?
— ХIара ву… хIара ву сан кIант, — дего куьйг хьажийра Зарас.
Гали санна и белша тIехула а тессина хьалавелира федерал, ткъа цунна тIаьхьа Зара.
Цо лаьтта оьхьакхоьссира кIант, ткъа шолгIачу федерал цуьнан гай тIе ластийна бел туьйхира. КIант меттахволуш санна хетаделлачу Зараага мохь белира.
— Кхин дIа айхьа дIахьур ву ахь! Некъайисте кхаччалц юха ма хьажалахь, тIехьажийна топ хир ю хьуна — кIоршаме тIечевхира цунна эскархо.
Зарас кIант хьалаойуш, дог долчу агIо куьйг хьаькхира… детталуш ду…
КIант шен ги а тесна, дIайолаелира Зара, ткъа юха дукха хан ялале цуьнца цхьаьна охьаюьйжира. Кхин дIа цо иза гали санна шена тIаьхьа текхош вара.
— Са тохалахь жимма, сан кIант… дика хира ду хьуна ша дерриге а, ас Борзе хьалавуьгур ву хьо… цигахь мел хаза ду хаьий хьуна — лаьмнаш, хиш, цигара хIаваа а, верзор ву хьо… Хьо къона ву, жима ву, Дала мукъ лахь сиха меттавогIур ву… сан Iийсах тера вогIуш ву хьо жимма… хьо та ма велли, сиха хьайн нанна тIекхочур ву Дала мукъ лахь — кегаделла къамел деш дIайоьдура Зара…
Хала а, атта а некъайисте дIакхечира иза. Федералаш гена биссира. Ахьмад сиха аравелира машенчуьра. Цуьнан юьхь тIе хьаьжча кхийтира иза цхьа дагахь доцург хиллий.
— Iийса?
— Iийса цигахь виссина, — элира Зарас, ткъа цуьнан бIаьргашчохь милла а Iадор волуш цхьа тамашийна кхерам бара.
— Муха цигахь виссина? Ахь хIун дуьйцу, Зара? — цецваьлла хаьттира Ахьмада.
— Iийса велла… ткъа хIара дийна ву… ас дийна верг схьалаваьккхи цу чуьра, — иза а аьлла Зара, кхетамчуьра йолуш лаьтта охьаюьйжира…
Уьш Борзе схьалакхечира, диллина кевнаш, гергарниш, баккхий нах, юьртан молла…
Новкъахь Зара меттаеанера. Ша дахар лардинчу кIентан куьйг шен кераюккъехь а къуьйлуш Iаш яра иза машена чохь.
Ахьмадана ца хаьара ша хIун ала деза цу нахе. Цо ойла йоьхна корта машенан руль тIе охьабиллира.
Цунах кхеттачу Зарас, жима соцунгIа а йина элира:
— Ас айса эр ду массаьрга а.
Иза машенначуьра охьа а йоьссина, шен мардевешина Абдулбекана тIеяхара.
— Ваши! Хьо вайн доьзалехь массарел а воккхах ву… дош лелаш ву, хьоьх дагадовлу тхо массо а хIуманна тIехь, цундела хьоьга дIаала лаьа суна… ас Iийсан дакъа ца деана цIа… суна цу декъишна юкъахь дийна кIант карийра, ткъа ас иза саьлтишка сайн велла кIант ву а аьлла схьалаваьккхина. Суна ца хаьа шуна массарна а муха хетар ду ас динарг…
— Ахь муьлхха а нохчийн нанас дан догIург дина, ас хьоьх дозалла до сан йоI! АлхьамдуллилахI! Дала яздина хилла кху керта Iожаллан метта дахар догIийла! ДIакъовла тезетан диллина кевнаш! Цхьаъ мукъне а нохчийн кIентан дахар лардар совгIат ду вайн къомана! — мохь туьйхира воккхачу стага.
— Мичахь ву и кIант?
— Хьенан ву и?
— ЧIогIа лазийна вуй и? ГIо дан ма деза цунна, — хезара кертара адамийн маьхьарий.
КIант чувалийра. Иза кхетамчохь вацара. Гулбеллачара Iийсана тIера мовлид а йийшира, зуькарш а дира, ткъа Зарас хIинца хIора а минот ша дахар лардинчунна уллохь йоккхура, цуьнан могашалла сиха юхаметтахIотто гIерташ.
Цу хиламо Iадийнера СаьIид. Сайпуддинца цхьаьна лулахошна тезетана кечам бан гIо деш ма вара иза. Массарна а санна цунна а моьттура, кестта Зара схьа а кхаьчна, шаьш Iийса дIавуллур ву Борзера кешнашка, ткъа юха дагахь доцучу кепара хийцаделира ша дерриге а.

Цуьнан иэсехь даима дуьссур ду и де а, Зараан гIайгIане и сибат а. Цкъа а дицлур дац СаьIидана гулделлачу адамашна юкъахь Iаьржа йовлакх а долуш коьртахь, хIуммаъ собарах ца юхуш, Зарас дина и къамел. Цунна хеталора шен дог кийрахь тIекIалдаьлла цу мIаьргонехь. Цунна дагадеара шен дех диссина и мажделла кехат. Ма тамашийна хилла нохчийн къам! Ма доккха хилла цуьнан доьналла! И
ю-кх и нохчий къар ца баларан коьрта къайле. Масех геноцидах чекхдаьлла къам, ша аренца дIакхоьссина хIу санна, денлой, орам тоссий, даьржа кху дуьненахь.
Дерриге а къоман цIарах кхуьнан дас, шен сих даьлла хьоме бер дIало хийра зудчуьнга, ткъа юха дуккха а шераш даьлча, нохчийн зудчо, шен кIентан дакъа Iадда а дуьтий, нехан дийна кIант схьалавоккху, хIунда аьлча цунна муьлхха а нохчийн кIант шен хета.
Кху йоцачу ханна юкъахь оццул дукха баланаш лайна волчу СаьIидан кийра хи чу доьттина кхаба санна сатийсамах буьзира.
Зарас гайтиначу доьналлас кхетийра иза нохчийн къоман кхане дийна хилар, цу къоман дахаре а, Даймахке а болу безам эзар Iожаллал ницкъох хилар.
Ишта дIаоьхура нохчийн лаьмнашкахь денош, де-буьйса санна дахаро Iожалла а хуьйцуш…


II

Эххар а шийла Iа чекхдолуш, сенделира нохчийн лаьмнаш. КIайчу зазанан духарца ша нускал санна кечделира Iалам. СаьIида сатийсина хан тIекхечира. БIаьста дагахь вара иза Аль-Iазиз хIаллакварехула йолу «Гезг» операци дIайоло.

Дехачу Iай СаьIида дукха болх бира шена оьшу хаамаш гулош. БIаьста, Iалам сенделча, баьццарчу гIаш юкъахь дIасалела мелла а атта хилча, СаьIид дагахь вара мудажхIедех дIакхета.
2000-гIа шераш Нохчийчоьхь билгалдевлира дуьненюкъара терроризм шуьйра яржарца. Къаьсттина цу шерашкахь республике чутаттаелира дуьненюкъара терроризм цIе йолу и ерриге а боьхьала, цуо шен уьшалана чуоизийра нохчаша маршо къиссаран ерриге а сирла ойланаш. Маршонан дуьхьа болийна хилла тIамах хIун ю а ца хуучу тобанийн къиссам хилира. Цара акхароша ижу санна дIасатекхайолийра ишта а са кхачийна йолу Нохчийчоь.
СаьIид Iилма санна дуьненюкъара терроризм йовзийта волавелира. ХIоразза а цунна гучуйолура цуьнан уггаре а боьха агIонаш.
СаьIид кхетара яланза йиссина Нохчийчоь керла хьеранна чу кхоьссиний. Хьалхарчу тIамехь шайн ца баьлла аьтто тидаме а оьцуш, Россис дукха хIуман тIехь ойла йира. Иза кхийтира кхераделла нохчийн къам юхадер ца хиларах.
Хьалхарчу тIамехь нохчаша дерриге а дуьненна гайтира муха хуьлу маршонан дуьхьа арабаьккхина бакъ болу къиссам. Цундела мекара мостагIчунна лиира чIир эца, ткъа шен толаме кхача цо кхин некъаш а лехира.
ХIинца Россис нохчийн къоман син-оьздангалла юьхьарлецира. Цу шерашкахь цуьнан аьтто а белира иза мелла а ласто. ХIинца Россин герз йоккха топ ца хилира — цо динах дира коьрта герз. Iадат а дин а делира къиссаме. Нохчийчоьхь бакъ долу ислам даржадо бохуш, дуьххьара Iаьрбойн йолахой схьаэха буьйлабелира. Кхетам чIагIбаланза кегий нах сиха лецира церан боьхачу машанаша. Нохчийн кегирхой радикальни исламан кIоргене кхийда буьйлабелира.
Ткъа кхин дIа берш къоман Iадатах тийссалора. Оцу кепара нохчийн къоман дуьххьара бартбоьхнера. Ткъа Росси дерриге а дуьненна шен пачхьалкхалла йохо гIерташ дуьненюкъара терроризм ю аьлла дIа а кхайкхина, юха а Нохчийчоь ата йолаелира. Ткъа республикехь боккъалла а терроризм яьржина хиларан тоьшаллаш шортта дара — Хаттабаш, Аль-Валидаш, Аль-Iазизаш… Iаьрбойн цIерш а, еха а мажош а йолчу наха шайн каралецира нохчаша маршо къиссаран мукъ. Цара-м нохчийн баьццара байракх а Iаьржачу басца хийцира, ткъа Нохчийн Республиках хIинца Ичкерийн метта исламски имарат олура. Нохчийчоьна «исламизаци» а еш, шайна цунах ахчанца пайда эца лууш нохчийн лулахой а хиллера. Къилбаседа Кавказехь ваххабизм дуьххьара кхоллаелла Iуьрг дара Дагестан. Къаьсттина кхузахь кхиа а йина, арахийцира иза Нохчийчу, ткъа Нохчийчоьхь Iеначу цIийнна юьстах йиссира иза, ша Кремлан филиал хиларе терра.

СаьIида хIоттийначу Iалашонан цхьа дакъа хIинцале кхочуш хиллера — цунна хиъна Аль-Iазиз мила ву. Иза Iаьрбо вац. Суьйле Халилов Iабдул-Iазиз Iаьрбойн Аль-Iазиз цIарца нохчийн кегий нах радикальни тобанашка юкъа а ийзош, Хаттабан куьйг кIелахь шуьйра болх беш ву.
ХIинца СаьIидана хаьа ша хIун дан деза, — я муджахIедех дIакхетта, я шен тоба а кхоьллина иза кхин а леккха лаьмнашка схьалаваха веза.

III

СаьIида шена тIелаьцнарг доккха дукъ дара. Иза тIетаьIIина терроризман башхаллаш йовзуьйтуш вара шена. Маж а хецна, экстремистски литература а йоьшуш, иза меллаша шен гуо кхолла волавелира, цхьалха ша муджахIедех ца кхета. Иштта, СаьIидан хIинцале вовшахкхийтира жима тоба — Сайпудди а, цуьнан кIант а, иштта Борзера а, ЧIинхара а кхеран гергара нахана юкъара масех жима стаг а.
СаьIида шен тобанна мел оьшучунца кхачо йира — герз а, духар а, яа хIума а, карта а, новкъахь хьашт хила мега техника а. СаьIид а цхьаьна уьш ялх вара. Кхара арабаьккхина некъ билггал мича боьдуш бу хууш цхьа СаьIид бен вацара.
Iуьйранна сатоссуш тоба араелира Итум-Кхела хьалаяха, ткъа цигара СаьIидан дай баьхначу ЧIиннаха.
 Денкхаллой - Бокидукъархой.
Вовше вистхилар доцуш, лаьмнийн готтачу некъашца хьалаоьхура уьш. БIаьстенан Iуьйренан шело меллаша, сийна дарий санна охьюьжура лаьмнийн кортошка. Кхузара хIаваа дерриге дегI а, са а цIандеш санна хеталора, ткъа хIара шатайпа тийналла дагчохь яьржара, цуьнан уггаре а кIоргIечу къайленашка а кхийдаш.
Стиглахь яьржира Iуьйре, ткъа цуьнан леккхачу сийналлехь шен кура хелхар деш дара цхьалха аьрзу. Юьрта йисте кхочуш хезара кхехкачу Органан гIовгIа. Шеца цхьа кIант а витина, СаьIида кхин берш тIай долчу аIор дIабахийтира, цигахь шега собар де аьлла, ткъа ша цу кIантаца жимма лаккха хьалавелира Уьшкхалара бIевнашка бIаьрг тоха.
ХIара меттиг кхераме яра. Готта некъ боьхна бара, ткъа бухахь буьрсачу гIовгIанца лаьмнийн тархех етталуш яра Органан тулгIенаш. Уьшкхалара ши бIов нохчийн архитектурин уггаре а боккха кхиам а, башхалла а ю. Уьш лаьтта цIеяххана девзаш долчу Органан чIожан уггаре а готтачу меттигехь.
Ши бIов нийсса тархана чохь йина ю геометрически ерриге а нийсалла ларъеш. Хьалха заманахь царна тIедоьдуш, жима тIай хилла бохуш дуьйцу, амма и бIевнаш цу чохь ян аьтто муха баьлла Дела ша воцучунна ца хаьа.
СаьIид нийсса некъайисте а вахана дIахIоьттира. Цуьнан букъа тIехьа лаьттара инзаре йоккха тарх, ткъа цунна тIера чухецабелла тIулг керчина нийсса Органна чубоьжира, цицхаш дIаса а детташ.
Цхьаьна бIов тIера цIурко тIулг а бохийна лаьттара.
— Боьха хIуманш! — дагатессира СаьIида, ткъа дог юха а халахетаро Iовжийра. Дас дукха юьйцура цуьнга ЧIиннаха. Мел хаза, чулацаме халкъан аларш ду кху меттигаца доьзна. Билггал кху шина бIов чохь тIеоьцуш хилла боху Мехк Кхел ккхочуш еш нийса сацам, хIунда аьлча стаг леккха хьала мел волу, иза сица цIанло. Иштта, халкълахь алар диссина кху бIевнаш чохь нохчийн ха хилла бохуш, кхин дIа лаьмнашка мостагIа ца вохуьйтуш. Цундела цецвала хIума дац кхузахь мостагIийн лараш ца карийча а, хIунда аьлча хIара уггаре а готта меттиг ю (37 метр). Бехк ца хилла мостагIа чекх ца валавелча а.
1944-чу шарахь Сталинан омранца цхьа бIов ерриге а йохийнера, ткъа хIинца шолгIачунна тIе герз диттина. ОьгIазлонах буьзира СаьIидан кийра. Иза кхетара шен Даймехкан кийрахь Ширачу Шумеран кIоргенера схьайогIучу дуьненан цивилизацин къайленаш хилар. Кхуьнан дайша эзар шерашца шайн истори кхоьллина кхузахь, орамашца кху лаьттах доьлла ду нохчийн къам, дуьненан культуре шен доккха дакъа а дуьллуш. Мичара, хьанах схьаваьлла ву а ца хуу, ткъа юха Iедалан мукъ кара а беана, ша дуьненан да хетта Сталин а, ткъа хIинца ша хIун къуьйссу ца хуучу цхьа боьха хIума а хIун бахьана долуш тIекхийда кху дуьненан хазна лара мегар йолчу меттигана? ХIун бахьана хила деза цуьнан ша нохчийн къоман исторически сийлалле йолу хьагI а цабезам а бен?
Лаьмнашкара схьаоьхучу мела хIоно шелбира алу хилла богу СаьIидан кийра. Цунна хаьара цу хаттаршна жоьпаш карор доций. Иаза Делан кхеле а луш, кхин дIа хьайн некъ бан беза… лаьмнаш даима лаьттар ду, бIевнаш вай тайир ю, керланиш юттур а ю, тIулгIаш бухахь а орам а тоссуш дехар а ду хIара дуьне мел лаьтта…

Делкъхенахь СаьIидан тоба Боки-Дукъ олучу ЧIиннахара кIотаре дIакхечира. Кхузахь дара СаьIидан дайн латтанаш. Ларамза дацара цо леррина хIара меттиг харжар, хIунда аьлча кхузахь луларчу Гучан-Кхаьлара кхарах схьакхета везаш вара Паскаев Мовлин кIант — хьалха егеран болх бина волу Iаьрби. СаьIидан йоккха дегайовхо яра цуьнца, хIунда аьлча цунна санна хIара кхераме некъаш девзаш цхьа а хир вацара. ХIорш цхьа а хьовзам боцуш шаьш кхача дезачу дIакхачар дукха хьолахь Iаьрбих доьзна дара.

Iаьрби схьакхаччалц тоба сецира СаьIидан гергара стаг Пазо йолчохь. Кегийчара-м ларамца цIе кхобуш Букал олура цунах. Йоккхачу стеган жима цIено тархах тасса а делла лаьттара. Иза йина а, кхиъна а кхузахь яра, кхузара шен къомаца махкаха а яьккхинера. Нохчашна цIа дерза бакъо елча шен ден цIа юхайирзира Пазо а. Цул тIаьхьа кхин кху лаьмнашкара араяьлла а яцара йоккха стаг. Доьзал цо ца кхоьллинера, бераш цуьнан дацара. Амма кху мокхазан бердаш юкъахь ша цкъа а цхьалха а ца хетара цунна. Цуьнан кхерчара цIе даима а летта яра гIелвеллачу некъахочунна.
Гергара наха чIогIа сагатдора Пазонна. Дехарш дора цуьнга охьаялахьара хьо цу лаьмнашкара бохуш. Амма Пазос и къамелаш тIе а ца дуьтура. Лаьмнех яьлла цхьа де а шега даккхалур доций хаьара йоккхачу стагана. Я хьалхара а, я шолгIачу а тIамехь Боки-Дукъара ара ца елира йоккха стаг. Кхераме заманехь иза ша ца йита, и йолчу ваха веара цуьнан вешин кIант Загаев Руслан. Руслан заьIап вара. Амма шен могашалла йоцушшехь а, къена дейиша ша ца йита, лаьмнакашка дIавахара иза.
Цхьаьна дийнахь дечиг даккха вахана Руслан масех тIемалочунна тIеIоттавелира. Уьш мацалла а, шелана а гIора дайна бара, ткъа цхьаъ лазийна а вара. Руслана гIо дира царна, ткъа лазийна верг шайга схьавалийра. Пазоца цхьаьна цуьнан чевнаш ерзош, иза лелавира Руслана.
Амма дукха хан ялале, цхьаммо айкх дар бахьана долуш, Руслан федералаша дIавигира. ДIавуьгучу хенахь, шаьш цхьацца хаттарш а делла, сиха цIа воуьйтур ву аьллера, амма Русланан кхоллам къиза кагбира цу дийнахь церан керта баьхкинчу хьешаша. ДIавигначул тIаьхьа, цара къиза йиттина, велла аьлла хьуьнхахь охьакхоьссинера иза. Велла а, дийна а воцучу цунна тIенисвеллера меттигера егерь. Цо Борзера госпитале дIакхачийра иза. Амма иза хиъначу эскархоша, цига тIаьхьа а бахана, хIиттийначу капельницашца цхьаьна аратакхийра иза госпиталера. Кхин Iазап лан ницкъ ца хиллера Русланан. Иза новкъахь велира, ткъа цуьнан дакъа эскархоша Борзера ара воллуччохь, Органна йисте кIаг а баьккхина, цу чу дIадоьллира. Дикка хан яьлча бен ца карийра иза меттигера бахархошна.
Ишта беза мах белира Руслана а, Пазос а де доьхна диссинчу адамана куьйг кховдорна. Цу шимма хьанна а дийр ма дара и гIо, тIемало я федерал бохуш къаста а ца веш.
Баба йоккха йина а ца йолура ша йолчу хьеший кхачарна. Стоьла тIе кхача буьллуш, сих-сиха хоьттура Пазос Заурбек а, Хеда а хIун деш ду, амма СаьIида церан гIуллакхаш дика ду элира, цо ца дийцира цуьнга мел боккхачу балано ша араваьккхина ву.
Шатайпа хьал дара кху жимачу цIа чохь. СаьIид кхетара мел баккхийчу бахамаша а, дуьненан рицкъанаша а ца лой ишта йоккха йовхо комаьршачу адаман даго санна. ХIара цIено цхьалха ша лаьттара кху лаьмнашкахь. Нохчий махкаха баьхначул тIаьхьа ясаеллера Боки-Дукъ. Бахархошна кхин бакъо ца елира цигахь шайн Iер-дахар кхолла. Цундела дай баьхначу цIенойх йиссинарш херцарш бен яцара. Пазос хазахетарца хIоразза а дуьйцура кхузахь кхиъна а, баьхна а хиллачу къонахойх лаьцна. Тховса СаьIидан цхьа шатайпа лаам кхоллабеллира бабин цу къамелашка ладогIа.
— Баба, дийцахьа! Ахь ма хаза дуьйцура кхузахь баьхна хиллачу вайн дайх лаьцна — дийхира цуьнга СаьIида.
— Дер, кIант, уьш бан а ма бара бакъ болу къонахий! Хьан дай Денкхаллар схьабойла Боки-Дукъа баха хевшина. Уьш Нохчийчохь а цIе йоккхуш хилла хьуна! Дуьненан меха хилла Арсгирин а, ТIасин да Мохьмад, Мохьмадин да Мурс-Iела, Мурс-Iелин да Мамад, цуьнан да Бока, Бокин да ТIа-Iаш, цуьнан да ТIача, цуьнан да Алмуд, цуьнан да ТIунга, цуьнан да ЧIима, ЧIимин да ЧIинха, ЧIинхийн кIентий Ниха, Баша, Гуча, иштта кхи дIа болу ЧIинхи дай а. Арсгирин а, ТIасин а тIаьхье а ма кхииира кхузахь шайн дай санна доьналла, яьхь йолуш — Арсгирин кIентий — Байракх, Мус, ТIонтIаш, ТаI, ГIоза, Хазболат, иштта церан кIентий Хушпар, Демилх, Къахьар, Сахьар, Сардал, Байракх-Хьалим, Шовлах, Шовлахин Аюб а. Ишта кхин дIа а — Хушпаран тIаьхье — Демилх а, Демилхи Iалил, Сайд-Ахьмад, Солсбек, Эльси. Хушпаран — Кхахьар, Сахьар, Сардал а. Ма дукха дага богIу суна уьш — ТIонташи Семби, Темби, ЦIаци, Бака, Баки Дени, Усами…
— Ва баба, хьо цхьа энциклопеди ма ю!
— Ю дера со-м цхьа клапеди, — елаелира баба Букал — Пазо, ткъа юха а шен къамел дира:
— Иштта ТIасин кIентий — Ака, Хада, Хадин кIентий Джамалди, Солтмурад, Дотта. Акин кIентий — Тепса, Асби, Осма, Мохьмад, Генжа, иштта церан кIентий а. Ишта кхин а, Хадийн тIаьхье — Солтмурад, Джамалди, Дотта. Солтмурадан доьзал — Абдул-Вахьид, Бауддин Iеламстаг вара, Нажмуддин, Абдул-Бакъи, Джунид а.
ЭхI маржа-яI церан оьздангаллас, къонахаллас хаздина дара вайн лаьмнаш.

Ши ваша ТIаса а, Арсгири а ерриге а ламанца йолчу Нохчийчохь вевзаш вара. Арсгирин кIантехь Дуев Умин йоI яра марехь. Хазаллица цIе яхана яра бохуш юьйцу Сари.
— Суна иза хиъна ма дац! — цецвелира СаьIид
— Дер церан доьзална тIе доккха вуо а ма деанера — ойланашка яхара Букал.
— Дийцахь, баба, дийцахь! — СаьIид паргIат паднара тIе хьала а хиъна, ладогIа кечвелира.
Йоккха стаг леррина хьоьжура богучу стогаре, цуьнан цIергахь яханчу заманера аматаш ган гIерташ санна. Ткъа юха цо меллаша долийра шен дийцар:

…Лаьмнийн ирачу баххьаш тIехьа лечкъара чубуза кечбелла малх. АйцIен бос бетташ яьржара сийначу стиглахь цуьнан дашо зIаьнарш. Жимма хан яьлча, буьйсанан Iаьржачу вертанах хьаьрчар ю стигла, седарчийн къорзачу кузаца шен Iаьршаш сирла а йохуш. Лаьмнийн готтачу некъан тачанехула меллаша ког боккхуш, нийсархойн гуонехь цIехьа йогIура юьртахь хазаллица цIеяххана йолу Сари. Маржа-яI ма кIоршаме, ма къизачу заманехь нисъелла йоьIан и ховха жималла. Нохчийн лаьмнаш дегош ду Паччахьан эскараша еттачу яьккхийчу тоьпашах. Къар яла ца туьгу Кавказ логехь йиссина Россина. Цуьнан эскар бIозза алсам ду, амма ламаройн доьналле кхочур ца хилла цуьнан ницкъаш.
ЦIеххьана сецира Сари. Шен юьткъачу белша тIера шовданан хих юьзна цIеста кIудал лаьтта охьа а хIоттош, юха хьаьжира йоI. Геналлехь диссинера цхьалхачу берен гIаларт. Анайистехь даьржина, довш санна хетара и гIаларт. Цу суьрта цхьа шатайпа гIайгIа йоссийра йоьIан кийра. Хеталора дагна сел хьоме долу и амат кхуьнан дахарера а иштта и гIаларт санна дIадовш ду. Ткъа гуо баьккхина лаьттара бIешерашца замано хьийзае чкъург тергал еш лаьтта нохчийн и къоьжа лаьмнаш. Цу лаьмнийн кIажехь карабора йоьIана дахаран синтем а, паргIато а. Цу лаьмнашкахь шен син а, дегIан а ницкъ кхиош, майраллица мостагIех летара йоьIан да — Кавказехь цIеяххана волу тIемало, Имам Шемалан наиб а, тешаме накъост а Дуев Ума. Оьрсийн эпсараша гила борз аьлла цIе тиллинера цунна. Шен лаккхарчу син-оьздангаллица а, кIоргечу хьекъалца а, йист йоцучу доьналлица а иза нохчийн къоман иэсехь Паччахьан эскарна къар ца велла бIаьхо санна ваха виссина. Имам Шемала Ума шен аьтту куьйг ду олуш хилла, шен дерриге а эскаран меха.
Шен цIенна йисте кхочуш, Сарина гира парт аьлла говра а хиъна, йорт етташ, ченан кIур айбина дIавоьду цхьа бере. Цунна тIехь доккха Iаьржа верта а бIаьргаш тIе оьзна месала куй а бара. Ткъа верта бухара гуш яра детица кхийлина шаьлта. Сарина сиха вевзира бере — иза ЧIинхара Мохьмадан Арсгири вара. Иза сих-сиха хуьлуш вара кхеран хIусамехь, амма тахана юха а цхьа тамашийна гIайгIано лецира йоьIан жима дог. Сиха шен кIудал охьа а хIоттийна, иза чу яхара, шена тIаьхьара неI дIа а къовлуш. Сехьачуьра схьахезаш дара дас-нанас деш долу къамел.
— Вай Сари дош делла ма ю вайн юьртара жима стагана — йистхилира нана.
— Кху хIусамехь Сарис делла дош ду коьрта, я Уми дош ду? Сарин цхьайтта шо долчу хенахь, ас Арсгирина дош деллера иза йоккха хилча цуьнан кIанте ГIозига иза дIалур ю аьлла! Сари берхIиттара яьлла, ткъа Арсгири суна иза дагадаийта веанера тховса, амма ас жоп дели цунна Зумсара Умина ша делла дош цкъа а ца дицло аьлла. Цу тIехь вайн къамел чекхдаьлла хьуна! Хьайн йоьIе кечам бе ала.
Екхначу стиглахь тоьхна ткъес санна дара ден и дешнаш Сарина. Ткъа бIаьрхиш бIаьстенан догIанан Iовраш санна охьахьаьдира цуьнан хазачу беснеш тIехула. Умин бIаьрг кхийтира, аьрха амал гойтуш, араикххина йоьдучу йоьIах. Сари хьаьжкIийн гIодмашна юкъахь дIа а лечкъина Iаш яра, къаьхьа къурдаш, логехь а къуьйлуш.
— ТIаьххьара хилла те шовданан йистехь тхо гар, цундела хилла те и дашо маьркIаже сел шатайпа гIайгIане? Тайп-тайпана ойланаша маша буьйцинера йоьIан коьртехь. Ден шога амал ма яра Сарин а, цундела ишта атта шен ирсах хедар ю те и?
Ара а ваьлла Ума юха а мохь туххуш чIогIа вистхилира шен хIусамнене:
— Сари хьан чIогIа дукха езаш йоI юй хаьа суна. Амма Арсгирина делла дош ас юха оьцур дац хьуна. Ламанца цIе яххана къонаха ву иза. Суна доккха дозалла хета цуьнца гергарло тассар. Шен дас деллачу дашал безох хетар бу те Сарина шен синхаам?
Сарина хаьара дас ненаца деш долу къамел шега хьажийна хилар. Цу мIаьргонехь иза кхийтира юха яла шен некъ ца хилар. Кхуьнан да — паччахьан эскар шен цIарца кхерош, Кавказехь а тоьлла эскархо, къонаха ву. Сарис цкъа а йорах доккхур дац дас ша санна волчу къонахчунна делла дош. Цунах хIара кхоьруш хилар дац и… кхолламан терзан тIехь доьзалан сий безамал а дезох хилар ду.
ШолгIачу сарахь шен жима йиша шовдане яхийтира Сарис везаре хабар эцна:
— КъинтIера вала суна, сан дагчохь хиллачу къиссамехь, сан дас делла дош тоьлла вайшинан безамал. Къонаха стаг хиларе терра, хьо кхетар ву ас биначу сацамах. Баркалла хьуна.
КIиран дийнахь Боки-Дукъара лаьмнаш декош схьахезара еттачу вотанан тата а, кехат-пондаран мукъам а. Зумсара Дуи Iуми йоI Сари Арсгиран кIантана ГIозина ялийна доьдуш той дара…
Шераш луьстуш уьдура зама. Нохчийн лаьмнашкахь сецна дацара Iеначуьра цIий. Къизачу тIамо гIелйина Нохчийчоь са ма-дду тийссалора шен маршонах, амма цIеххьана йиначу ямартлоно Iадийра цуьнан лаьмнаш. Ма ца моьттура нохчашна ткъе пхеа шарахь шаьш сел муьтIахь хилла, шайн синош ца кхоош шаьш тIаьхьалаьттина имам и тайпа шайна тешнабехк беш, мостагIашна тIе гIур вуй. Ерриге а Оьрсичухула кхаъ хилла баьржара и хаам — Имам Шемала кхин ца яккха батта йиллина мостагIашна дуьхьал лестийна шаьлта. Амма Имам Шемал шен лаамехь йийсаре вахарца доьзна ца хилла нохчий къарбар. Маца бер бу тIом чекх аьлла шега деллачу хаттарна Шемала жоп делла хилла — Бено БойсагIаран дог детталуш мел ду иза чекх бер бац. Бено БойсагIар, Зумсара Ума, Зандакъара Албик-Хьаьжа, уьш а, иштта иттанаш кхин болу наибаш а — уьш бу уьш нохчийн къоман цIе айинарш, нохчий къар ца баларан къайле шайна чохь къийлинарш. Сий долу Iожалла хаьржина цара сий дайна мостагIийн йийсарехь дуьне дуучул.
Бехачу тIамо гIора дайина Нохчийчоь са кхачийна юьйжира эзар бархI бIе кхузткъе вуьрхIиттолгIачу шарахь. ХIетахь сецира Зумсара лаьмнашкахь деттачу герзийн тата, ткъа царна дуккха а генахь мостагIаша гуо лаьцначу Грозная гIопехь детталучура сецира Гила Борз Iуми дог. Шен тешаме накъосташа санна цо доьналлица тIеийцира Iожалла, оцу кепара шен къоман иэсехь гуттаренна ваха а вуьссуш.
Ткъа зама-м уьдура, иза цецяккха диссина хIумма а дацара. Кхууьш вара ГIозин а, Сарин а ши кIант. Шаьшинан ненда а, денда а санна доьналла долуш, хаза, зоьртала кхиънера ши кIант. Лаьмнаш-м лаьттара хьалха санна — нохчийн баланийн мотт ца хуу тешаш. ХIинца кхолламо кхин цхьа тешнабехк кечбинера нохчашна. ТIекхечира къиза эзар исс бIе дейттолгIа шо. Хьалхарчу дуьненан тIамехь Австро-Венгреца а, Германица а летара Росси. Селхана-стомара Паччахьан эскарна дуьхьал леташ, цIий Iенийна хиллачеран тIаьхьенна тахана ца яьлла цу эскаран могIаре хIотта дийзира. Николай Паччахьан лаам хилира Кавказан доьналлех пайда эца — эзар исс бIе дейттолгIачу шеран хьаьттан баттахь кхоьллира Акха дивизи. Йоцачу ханна юкъахь дерриге а дуьненахь шен цIе якххийтира цо. Кавказан бIаьхоша Iадийнера ерриге а Европа.
Аккхачу дивизера нохчаша а, гIалгIаша а минот ялале охьааьттера Кайзеран дивизи, цул совнаха, дуьненан исторехь яха йиссина Брусиловски прорыв а йинера. Аккхачу дивизехь майраллица летара ГIозин а, Сарин а ши кIант ГIеза Мохьмад а, Къеда Мохьмад а. Церан башха доьналлех лаьцна Боки-Дукъахь а схьахезара. ГIоза вокхавера шен яьхь йолчу тIаьхьенахь. Амма дукха хан ялале цуьнан хIусаме ирча кхаъ беара. Цхьаьна дийнахь ГIозина геннара хьаьжча гира Боки-Дукъ агIора ши сту а боьжна йогIу ворда. ГIозина вевзира шен жимох волу кIант Къеда-Мохьмад. Цуьнан макхделла, гIелделла юьхь-сибат тIе хьаьжча кхийтира ГIоза шен керта вуо деъний. Вист ца хуьлуш, Къеда-Мохьмада вордантIера охьадаьккхира вертан юкъа хьарчийна, шен воккхах волчу вешин дакъа. Къеда-Мохьмадан вист хила а де дацара. Иза акха дIасахьоьжура, Даймехкан хIаваахь кийра Iабо гIерташ. Гена доцуш схьахезара кхехкачу Органан гIовгIа. Дагалецамаша дIахьулдира набарна хьаьгна, гIелделла бIаьргаш. Дагатессира воккхах волчу вешица рогI-рогIехь буьйсанна шаьш хи йисте эхар, дагчуьра кхерам дIабаккха гIерташ, ша санна шийлачу Органехула когаш берзина шаьшиъ хийлозза дехьавалар. Шовзткъе бархI дийнахь некъ бинера Къеда-Мохьмада. Цуьнан аьтто белира шен вешин дакъа тIеман аренгахь ца дита. Шаьш тIом беш хиллачу ГIимрара нийсса шовзткъе бархI дийнахь некъ бира цо дайн кешнашкахь шен ваша дIаволлархьама. Буьйсанна бен аьтто ца болура цуьнан некъ бан, хIунда аьлча дийнахь дукха йовха йолуш кхераме дара дакъа эцна аравала.
Ткъа ГIоза-м ша мокхазан берд санна собарах воханза лаьттара. Моччахал а ца дегийра къеначу ден, ткъа жимма соцунгIа а йина дийкира ГIозин и къора аз:
— Хьайн вешех чIир эцний ахь?
— Дада! Иза чIогIа къиза тIом бара. Уьш тхоьх летара, ткъа тхо царех, хIорд санна Iенара цIий, суна билггал ца хаьа хьанна кхетта сан тоьпан даьндарг.
— Хьайн ваша вийнарг виний ахь? — цо дуьйцург тергал ца деш, юха а хаьттира ГIозас.
— Суна ца хаьа, дада!
— ДIавала суна хьалхара! Хьо стаг хиллехь, хьайн ваша вийначун дакъа тховса сан когаш хьалха кхуссур дара ахь! — Къеда-Мохьмад оьгIазе човха а вина букъ берзийна чувахара ГIоза.
Сийначу стиглахь меллаша нека дора бамба санна кIедачу мархаша. Къеда-Мохьмад вехха стигла а хьаьжна, ткъа юха цхьаъ дагадеъча санна, кех арахьаьдира. Ах сахьт далале ГIозин керта маьхьарца адам гулделира — ширачу хьехачохь карийра Къеда-Мохьмадан дакъа. Иза ирхъолавеллера, дас бехк баккхар ла ца делла. Ден дош Делан кхелал а, ша биначу тIамал а, лекхох а, дезох а хеттера Къеда-Мохьмадана. Ден бIаьрг беддачул тIаьхьа, ша дуьне даа хьакъ ца хеттера кIантана.
Адамийн маьхьарий хезна араелира Сари — иза хIинца а жималлехь санна хаза а, товш а яра. Зударийн тийжар, божарийн маьхьарца ийнера. Амма Сарин аз и гIовгIа сацош, даьржира дерриге а лаьмнашкахула.
— Ма йе гIовгIа! Сихонца дIадолла кечде ши дакъа! Зумсара Уми йоI Сари хIара дуьне дохахь а, йохна гур яц шуна!
Ткъа юха шен шина кIентан декъашна юххе охьалахъелира нана. Заманан йохаллера схьадеъна Сарин лерехь декара Умин аз — «Мел деза ду хьуна хьайн ден дош?…»
Цу дийцаро Iадийна СаьIид вист ца хуьлуш Iаш вара, шена хезнарг ойланашкахь луьстуш, ткъа Пазос-м деха дуьйцура СаьIидан дай лаккхарчу син-оьздангаллех лаьцна:
— Хьайн дайша лелийна гергарлонаш, цара лардина гIиллакхаш цкъа а ма хедаделах, цкъа а ма херлолахь лаьмнех — хьехар дира Пазос СаьIиде…
Дикка цуьнга ла а доьгIна, СаьIида элира, Пазон мах хадош:
— Делахь, Баба, ахь мел бийцинчу цу къонахел тховса хьо а яц хьуна хIуммаъ эшна! ТIеман кIурлахь а а кху лаьмнийн кхерчан цIе ца яйтина ахь, ткъа иза дац уггаре а доккха доьналла?


IV

Са хуьлуш, СаьIидгIара кечам бира новкъабовла. Пазос некъана шортта кхача вовшахтуьйхира царна — дакъийна жижиг а, дума а, нехча а, хьокхамаш а.
Бабин Iодика а йина, тоба араелира ша юьхьарлаьцна чолхе некъ дIабахьа.
Кхузара СаьIид а, цуьнан накъостий а дагахь бара Зумса кхача, ткъа цигара кхин а леккхачу Шара.
Iуьйранна СаьIидан тоба Зумсан латтанашка кхаьчнера. Iаьрби жимма хьалха дIаваханера, царна некъ билла а, кхераме хIума гучудалахь, кхаьрга хаам бан а.
СаьIид дагахь вара Зумсахь буьйса а яьккхина, Iуьйренца Шара хьалаваха. Амма новкъахь баьлла бохам бахьана долуш, масех де а, буьйса а Зумсахь яккха дийзира тобанан.
Уьш цIеххьана тIеIиттабелира Зумсара хьун толлуш хиллачу Россин саьлтишна. Кхара герз детташ, царна дуьхьал тIом беш, Сайпудин кIант лазийра. Юхавирзинчу Iаьрбис дийцарехь кхин дIа некъ бан кхераме дара, цундела Iаьрбис уьш цхьаьна хьеха йисте дIабигира, цу чохь масех де-буьйса даккха аьлла, ткъа лазийна верг кхарна тIаьхьахIоьттина йогIучу шолгIачу тобане дIавелира. Иза СаьIида кхоьллинера шена кхерам нислахь а, гIо хилийта. Лазийнаверг СаьIида Нихалара Мовсаре доьзале дIакхачаве элира. Цигахь цунна мел оьшу гIо-Iуьналла дийр ду.
Зумсара хьеха чохь цхьа хан йоккхуш, СаьIид юха а чолхечу ойланаша йийсаре лецира. Коьртачуьра ца долура дех диссина и мажделла кехат, саьлтиша латтийна къизалла юьйцуш хилла и йозанаш, нехан кIант а валош цIа еана йолчу Зараан и аз, кхеран хIусаме юхадирзина и дато сом, нехан нах эцна кхо арабаьккхина хIара кхераме некъ…
— Нагахь санна суна ма хеттара ша дерриге а чекх ца далахь? Тхо массо а вехь? Ма доккха хIума ду ас Сайпуддина тIе хIоттош дерг, — ойла йора СаьIида.
Амма муьлха а цуьнан ойла хьаьвззина Болатана тIейоьдура. СаьIид тешна вара шена ваша карор хиларах. Нагахь санна иза ИбрахIимаца шала вина хилча, цхьа сибат хир ду-кх церан. Шаьшинан хин долу и цхьаьнакхетар гIенахь а дуьхьал туьссура СаьIидана…

Iаьрби коьртехь а волуш, тоба Шара йолчу агIор араелира, хIинца некъ бан йиссинарг дукха хан яцара.
Шарас СаьIид цецваьккхира шен леккхачу бердашца, тархашца, шен буьрсачу Iаламан сийлаллица. Иза акъваьлла лаьттара дIасахьоьжуш, накъосташа меттах ваккхалц.
Яханчу заманахь кху тIулгах йоьттинчу шахьара стратегически мехала меттиг дIалоцуш хилла ламанца йолчу Нохчийчоьнан дахарехь. СаьIидана гира тIеман бIевнех лаьтта и Iаламат йоккха гIала. Массо а бIов кеманаша бомбанаш йиттина йохийна яра, царна юкъахь шиъ яра йоханза лаьтташ, герз диттинчу бIаролшца дуьнене кура бIаьрг бетташ.
Iаьрбис дийцарехь, маьркIажа бода боьлча, уьш Бути юьрта кхача дезаш дара — цу жимачу юьртан херцаршка боьдуш бара СаьIида арабаьккхина некъ.
Шарара уьш ХIима хьалабахара — иза кIоштан административни центр а, иштта дуккха а нах бехаш, йоккха юрт ю, ткъа цул лекха Кири цIе йолуш жима кIотар ю, ткъа цигара Бути кхочу. Цул лекха ша стиглара мархаш яцахь, кхин хIумма а дац. Бутира гIаш Дагестанан дозане кхача гена дац. Цундела хаьржина хилла Аль-Iазиза билггал иза юрт шен боьха бен кхолла.

Iаьрбис ма-аллара, лаьмнашкахь маьркIаже яьржачу хенахь, Саьидан тоба Бути юьрта кхечира.
Буо йиссиначу, акхачу цу кIотарахь, адаман лар йиссина а яцара. ТIулгийн масех херцара а, ширачу кешнийн керта а тоьшалла дора цкъа мацах кхузахь дахар кхехкаш хиларан.
Бути Шаройн лаьмнийн буьххьехь Iуьллу. Дуьххьара хIара юрт буо йиссира 1944-чу шарахь нохчий Казахстане а, Юккъерчу Азе а махкаха баьхначу хенахь. Нохчий цIа бирзича, кхузара нахана юха а шайн дайн латтанашкахь баха ховша ца магийра. Цундела бути тейпанера нах дукха хьолахь охьара Нохчийчохь дIасабаьржира — коьртачу декъехь Невран кIоштахь а, иштта Соьлжа-ГIалин йистошкахь а.
СаьIидан тобанна социйла карийра меттигерчу кешнашна гена доцуш. Саьлтиша герз диттинчу, ширачу чарташ тIехь хIинца а къаьсташ дара Iаьрбойн йоза. Кешнийн кертал жимма лаккхахь СаьIидан бIаьрг кхийтира поппарах диначу жимачу цIенох, цуьнан корах богура стогар.
— Адам ду те кхузахь Iаш? — цецвелира СаьIид.
Iаьрбис дийцира Бутихь цхьа доьзал бу аьлла Iаш. Кху тайпанера Темирхьажи 60-чу шерашкахь дуьйна Iаш ву кхузахь. Iедало дукхозза лихкинера уьш, амма уьш къар ца луш, лаьмнашка юха боьрзура. Темирхьажин да хьалхара тIом балале кхелхина, кхузара кешнашкахь дIавоьллина а ву, ткъа Темирхьажа шен ненаца а, ишта шен доьзалца а Iаш ву кхузахь, цхьанна а новкъа а воцуш.
— Мел дика стаг ву иза. Масийттазза тхо а хилла иза волчохь. Хьешана хIумма а шен рицкъа кхоор долуш вац. Амма вайна мегар дац и волчу гIерта. Дала тIе ма кхачадойла, тIемалой тIеоьцуш вара аьлла бехк билла а эхь дац цара цунна, — элира Iаьрбис.

Сатоссуш СаьIидгIар самабехира вертолетийн гIовгIано.
Герз а дуьйлина, тебна Iаш бара уьш. Цхьа вертолет кешнашна гена доцуш охьахиира, ткъа кхин дерг стиглахь гуонаш туьссуш дара. СаьIидана а, цуьнан накъосташна а гира охьадоьссинчу вертолетачуьра ши эскархо жимачу цIено чу воьдуш.
СаьIидан дог Iевжира, Iаьрбийс дийцинарг дага а деана, Темирхьажас милла а тIелоцура бохуш.
— БукалгIарна хилларг хир ду те цунна а? — ойла йира СаьIида.
Амма эрна лаьцна ца хиллера цуьнан дог гIайгIано. Царна гира кхайкхаза баьхкинчу хьешаша, шайна тIаьхьа аратекхош волу ши стаг.
— ЭххIай… Темирхьажа, — халахетарца шен корта а лоцуш, доккха са даьккхира Iаьрбис.
Эскархоша Темирхьажа а, цуьнан кIант а таIIийна вертолетана чувиллира.
Дерриге а лаьмнаш дегош, цхьа мохь-цIогIа белира:
— Вааааа Делааааа! Орцах валааааа!
Цу жимачу цIачуьра араелира, шалха а кхетта цхьа гIоразза йоккха стаг. Цуьнан карара Iаса охьа юьйжира, ткъа иза эга а еш лаьттара, охьа ца йожа, стен жимачу коьллах а тийссалуш.
— Темирхьажин нана ю иза… Издаг — элира Iаьрбис.
Вертолеташа лаьмнашна тIехула гуо туьйссура. Ткъа ши стаг а эцна айделларг, жимма хIаваэхь сецира, ткъа цул тIаьхьа масех минот ялале, СаьIидгIарна гира цу чуьра цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа ши адам бердах чу кхуссуш. Гуш дара адамаша хIаваах тийссалуш, дIасалестаде куьйгаш. Иштта, СаьIидана гуш чекх белира кхин а шина цIе кхоьллина волу «террористан» дахаран некъ. Шайн хьомечу, шайна сел чIогIа дита ца лиъчначу лаьмнашкахь гуттаренна а виссира Темирхьажа а, цуьнан кIант а.
Бехк боцучу шина адамана тIехь и кхел а йина, вертолеташ дIадахара мархаш а цоьстуш.
 

Уьш доьлххучу агIор дIаяхара СаьIидан тоба а. Цхьа километр некъ а бина, вертолеташ юха а хIаваэхь севцира, ткъа царех цхьаъ меллаша охьахаа доладелира. Иза охьахиинчул тIаьхьа, СаьIидан тобанна гира цу чуьра араваьлла тIеман духар а дуьйхина виъ стаг. Царех шиннан букъа тIехь кхозуш тIоьрмигаш а дара, герз а дара. Вертолетана юьстах а бевлла, дехха къамелаш дира цара, ткъа цул тIаьхьа тIоьрмигашца волу шиъ бухахь виссира, ткъа важа шиъ вертолета чухиира. Аьчка «олхазар» юха а шен шийла мохь бетташ тIома даьлла Къилбаседа дIадахара — Соьлжа-ГIала йолчу агIор. Бухахь виссина шиъ кхерамца дIаса а хьоьжуш хи йистехула хьалаволавелира.
СаьIидана лиира и тамашийна ши некъахо тергал ван. Иза шен тобане эха сохьтаха тIаьхьа кхиа а аьлла, Iаьрбица цхьаьна некъахошна тIаьхьа хIоьттина дIавахара. СаьIидана гира некъахойх цхьаъ акха дIасахьоьжуш, кхоьруш хилар. Цундела СаьIид а, Iаьрби а цу шинна дикка генахь вуьссуш, меллаша воьдура, ца хууш га кагдина а шайн гIулчаш царна ца хазийта…
Цхьа сахьт делира цара ишта некъ беш. Хьалха воьду Iаьрби, цIеххьана юха иккхира, ишарца СаьIид а сацош. Царна хьалха Iуьллура «растяжка». Iаьрби само еш ца хиллехь, минот ялале хIара шиъ стигал гIур вара. Шайна карийнарг зеназа а йина, цу шиммо кхин дIа бира некъ.
СаьIида шен тидаме лаьцна волу тамашийна ши некъахо чIож декъалучохь сецира.
Царех цхьаммо раци хьалаяьккхира. Хетарехь иза цхьаьнца зIене ваьллера. Дукха хан ялале, царна дуьхьал веара ши стаг. Духьал веанчу шиммо цаьргара тIоьрмигаш схьа а эцна, уьш кхин дIабуьйлабелира. СаIид кхийтира ша лоьхучун меттамотт кхузара гена ца хиларах. Борзехь хIара волуш, Аль-Iазизах лаьцна карийна хаамаш нийса хиллера.
СаьIида Iаьрби дIавахийтира бухахь биссинарш кхуза схьабахко. Ткъа ша кхузахь сецира.
СаьIидана дагадеара Аль-Iазизан лагерна юххера хьаьрмахь «растяжкаш» хир ю аьлла. Иза ойла нийса а хиллера. Шен тобане хьоьжуш, яккхинчу хенахь, цо иттех сов «растяжка» зеназа йира. Ткъа цул тIаьхьа, кхин а жимма лакха хьала а ваьлла иза нийсса хьехана дуьххьал охьахиира. Хетарехь цу хьехачохь яра СаьIидан коьрта Iалашо.
Дукха хан ялале кхунна хезира билламан хьаьрк. Кхераме ца хилийта, рацех пайда оьцуш бацара уьш. СаьIид кхийтира тоба кхиамца шена тIекхаьчний.
Кхузахь СаьIидан сацам хилира буьйса йоккхуш саца. Юуург схьала а яьккхина садаIа охьахевшира уьш. Стиглахь седарчийн къорза куз баржош, лаьмнех хьаьрчира бIаьстенан буьйса. СаьIидан дог хIинца чехкох детталора — гезган маша дIаяста йиссинарг дукха хан яц.

V

Акхачу Iаламан зевне аьзнаша самаяьккхира СаьIидан тоба. Кху лакхенера охьахьаьжча Аль-Iазизан лагерь гуш яра, уьш иза мел чIогIа къайлаяккха гIиртинехь а.
СаьIида хьалхе дукха ахча а делла эцначу тепловизора аьтто белира лагерана чохь маса адам ду ган.
МостагIчун меттамот самабаьллера. Гуш дара дIасалелачу адамийн гIаларташ. Хан хилла бохуш детталора СаьIидан дог. Цунна хиира, ха деш волчуьнга ша воьду а аьлла, са тассале Iаьрби кхин а лаккха хьалавахана хилар, цигара чу а воьссина, чIожана сехьа а ваьлла лагеран юххера позици лаца Iалашонца. Шегара карабин охьа а йиллина, автомат дIаяхьнера цо.
СаьIид оьгIазваханера шега а ца хоттуш, Iаьрбис ишта дарна, амма хIете а ойла йича, СаьIид кхетара цо динарг нийса ду хIунда аьлча Iаьрбис кхарна оцу кепара бух кечбинера, хIинца лагерачуьра цхьаьнан а араволийла дацара.
СаьIид тешна вара Iаьрби ша тIекхачале лагерана тIелатар ца хиларах, иза вара кхин а ах дийнахь мукъне а лагеран терго ян дагахь, Аль-Iазизан тоба ветртолеташ тIехь болчу нахаца йоьзна хиллий хиъча, иза кхийтира шен хан йоций, хIунда аьлча Аль-Iазиз муьлхха а минотехь вертолетаца дIаваха кхерам бара.
«Гезг» операци дIайолаелира…
Уггаре а хьалха СаьIидана тобано хIаллак вира лагерачуьра хи йисте охьавоьссинарг. Сайпуддина нийсса хьехана чу подствольник туьйхира. Цунна тIаьхье, СаьIида шайгахь цхьаъ бен йоцу гранотомет туьйхира.
Хьехана чохь хиллачу пхеа стагах кхоъ веллера, шиъ лазийна вара. Халахеташ делахь а, Аль-Iазиз веллачарна юкъахь вара — СаьIид дагахь ма вара иза цуьнга хаттарш дала, цуо лелочу зуламехь кхин а шортта хаамаш вовшахтухуш. Лазийначарех цхьаммо шен дахар лардархьама, тIе пIелг хьажийра Аль-Iазизана. СаьIиде ма дийццара хиллера цуьнан юьхь-сибат. СаьIидгIарна кхузахь карийра Россин леринчу урхаллийн а, иштта Ичкерин Iедалан а кехаташ а, иштта экстремистски литература а, шортта ахча а, доллараш а, йоккха Iаьржа байракх а. СаьIидан цкъа ойла кхоллаелира ша дерриге а дIадахьа шеца, амма юха цао ша шега элира:
— ХIинца-м сийна цIе йолийла кху дерригенах а! ХIара зуд ас дийна, кхин дIа сан сайн шортта гIуллакхаш ду… Болат а ву лаха везаш, ма хуьллу сиха кхузара Германе кIур бан беза.
Уьш хьехачуьра арабевлира, СаьIида ахча бен кхин хIумма а схьа ца ийцира. ЦIеххьана царна хезира тоьпан тата. СаьIид цу агIор дIаведира, ткъа цунна тIаьхьа кхин берш а.
Кхуза юххехь кхин цхьаъ ларъеш хьех хилла. Iаьрбис цуьнан хехочунна тоьхна хилла автомат, иза кхеран тоба йолчу агIор герз а даьккхина вогIуш шена гича…

СаьIида шен накъосташка цу хьехачохь хIун ду хьажа элира, ткъа ша Iаьрбица кхузахь виссира. Вийначуьнгахь снайперски винтовка а, кху заманан раци а хилла шегахь.
СаьIид вертолеташ гучудовларна кхоьруш вара, ткъа цуьнан ойланаш юкъахйохуш, Сайпудин мохь хезира:
— Кхузахь бераш ду! Бераш…
— Вало чехка! — элира СаьIида Iаьрбига.
И шиъ цхьаьна хьехана чоьхьавелира. Кхеран накъостий хIинцале кхузахь бара, йийсархой буржалашах маьрша бохуш. Кху чохь виъ кIант вара. Хетарехь церан пхийтта-ялхийтта шо бен дацара.
Уьш маьрша а баьхна, СаьIидан тоба араелира, юхнехьа Боки-Дукъа дIаяха. Берашка хаттарш луш, хан ца йойуш, цара сацам бира сихонца Бутира арадовла, маьркIаже йоссале Шара дIакхача.

Сарахь Шарара хьуьнхахь социйла йира цара шайна, берашка жимма са даIийта а, царех дерг къасто а. Маьрша баьхначарна юкъара цхьаьна кIанта дийцира шен цIе Расул а ю, ша цIера Итум-Кхелара а ву аьлла — Хьачара олучу юьртара. Шен классера кIантаца цхьаьна джамаIате кхаьчна хилла хIара шиъ. Кхуьнан накъост-м хIинцале кхелхина Соьлжа-ГIалара пост а йохош, ткъа хIара а, кхин берш а Аль-Iазиза кхин йолчу операцишна кечбеш хилла. Сайпудина вевзаш хилла Расулан деда. Цо сацам бира Расул ша деда волчу дIавуьгур ву аьлла, ткъа важа кхоъ Хьалха-МартантIера вара. Уьш СаьIида ша дIабуьгур бу элира.
Къоначу йийсархойх алсам яьлла СаьIидан тоба масех де даьлча Пазо йолчу дIакхечира.
Маьрша даьхначу берашца, хIорш кхин зен-зулам доцуш схьакхачарна Далла хастам беш яра Пазо. Йоккхачу стага сиха стол кечдира шен гIелбеллачу хьешашна. Нохчийн кхачанан марзонах юьзначу кху йовхачу хIусамехь кхарех хIоранна а дицделира ша тIаьхьарчу хенахь мел лайна хало. Арахь Iаьржа буьйса яра, ткъа бабин жимачу цIа чохь богура стогар. Цуьнан серлонехь сатийна наб еш Iуьллура СаьIидгIара маьрша ваьккхина виъ кIант. СаьIид вехха хьоьжура церан къоначу яьххьашка. Цо доккха са даьккхира. ХIинца цунна ша Заурбекан а, Зараан а доьналлин ирхенашка кхаьчна хета. ХIинца СаьIида а дина нохчийн къомана шен ницкъ кхочург. Шен вешин кIант маьрша ваькккхиначул тIаьхьа, СаьIид шен доьзал болчу Германе дIавахча а ма волура. Амма иза ца ваха велира. Нохчийн къоман мостагIийн харц пропагандин гурашкахь нохчийн бераш дуй а хууш, иза вахалур вацара, хIунда аьлча цунна хIора а нохчийн кIант шен сих ваьлларг санна хьоме а, гергара а вара.
Кху тIаьхьарчу хенахь дуьххьара са паргIат даьлла наб кхийтира СаьIидана. Боккха мохь гира охьа биллиначу стеган маьрша наб яра иза…

Iуьйранна сатоссуш уьш новкъабевлира. Сарахь церан тоба тIеIоттаелира тIемалошна. СаьIидгIар сиха хьуьнха юхабевлира. Юха цIеххьана церан бIаьргашна гина сурт СаьIидан иэсехь гуттаренна а диссира.
Генна схьахезаш дара буьрса гIовгIа эккхийтина охьадоьду ламанан ахка. СаьIидгIар кхийтира тIемалой хил дехьа бовла дагахь хилар. Хечейн когаш хьала а карчийна, уьш цхьаъ цхьаьнна тIаьхьа хил дехьа бовлуш бара, шерачу тIулгаш тIехь когаш а шершаш. ТIаккха царна гира хи йисте кхин а ши тIемало тIевогIуш. Царех цхьаъ нохчийн тIемало вара, ткъа важа хетарехь Iаьрбо вара. Цуьнан еха Iаьржа месаш а, маж а мохо дIасалестош яра. Иза куьйгаш дIаса а лестош, цхьаъ дуьйцуш вара, ткъа юха цунна уллохь лаьтташ волчу нохчийн тIемалочо иза шена ги а воьллина, хил дехьа ваьккхира. Ткъа Iаьрбо нохчийн букъа тIехь паргIат дIа а тарвелла, велакъежарца дIасахьоьжура, Iаламан хазалла тергал еш…
СаьIидгIар Iадийнера шайна гиначух, ткъа оьгIазваханчу Iаьрбис шен карабин хьалакхоьссира.
СаьIида сацийра иза.
— Тохахь а, букъа тIе хиъначунна тоха езаш яцара иза, иза шена ги хаийначунна тоха езаш яра, ткъа нохчочунна ахь иза тухур хир яц.
Iаьрбис охьадахийтира герз.
СаьIид лаьмнашка хьаьжира. Цунна моьттура оьгIазлоно дегийна уьш охьахаьрцар ду. Амма лаьмнаш лаьтташ дара, ткъа ламанан ахканан тулгIенаш а хIумма а ца хилча санна тIулгех етталора. СаьIид тешна вара и тайпа ирча сурт кху лаьмнашна дуьххьара гуш хилар. Цунна дагатессира шен да а, Кавказан тIамехь кху лаьмнашкахь цIий Iенош хилла цуьнан дай а, иштта ИбрахIим а, цуьнца цхьаьна шайн синош ца кхоош Россин эскаран бIонах тиссабелла хилла нохчийн кIентий а.
— Цхьаьна вахкавеллачу Iаьрбочун хечин когаш тIадорна кхоьруш, иза ги а воьллина нохчийн кIанте хил дехьа ваккхийта белла те уьш массо а?
СаьIид кхетара нохчийн къам шен син-оьздангаллина а, къоман сийлаллина а кхераме бисте кхаьчний. Ткъа иза цо мел лайначул къизох ду.
Гиначу суьрто ирча тIеIаткъам бина СаьIидгIар вовше бистхилар доцуш кхин дIа шайн некъ беш бара.

Борзе охьабиссинчул тIаьхьа, СаьIида массо а сацийра. Леккхачу тарха тIера дато тай санна охьаоьхуш дара жима шовда. Саьид массаьрга а вистхилира:
— Вежарий! Хала киртиг тIехIоьттинчу муьрехь шуьх суна хIора а ваша хили. Уггаре а хьалха суна баркалла ала луур дара Сайпуддина — ващи, ахь доккха гIо дира суна, хIара кегий нах бовзийтина а, ас арабаьккхина некъ къобалбина а. Суна хаьа шуьх хIора а шайн дахарна кхерам болушшехь, суна тIаьхьхIоьттина араваьллера, амма вай хIоттийна йолу Iалашо, вайна хилла ца Iаш, дерриге а къомана мехала яра, хIунда аьлча хIара бераш вайн кхане ю, вайн тIаьхье ю. Вайн кхане ю цара тротилах а хьарчийна хIаллак еш ерг. БIешерашца кхерийна вайн къам къар а ца делла, хIинца кхин некъ лехна цара. Динаца кегийчу нехан кхетам тилош, цара Iожаллан новкъа боху уьш, оцу кепара, сица а, дегIаца а маьрша тIаьхьенах вай дохуш.
Суна ца хаьа Аль-Iазизаш кхин а шортта хила тарло, амма вай вайн ницкъ кхочург дина тахана, вай тахана нохчийн къомана а, вайн Даймахкана а динарг доккха гIуллакх ду шуна. Дела реза хуьлда шуьх хIоранне а. Суна къинтIера а довла кху кхераме новкъа ас шаьш дахарна. ХIинца вай нах бехачу, мелла а кхерамазалла йолчу меттиге охьадиссина хилча, суна вай дIакъаста лаьа, ткъа со Дала вахийтахь, хIара кхо кIант а эцна, цIа гIур ву. Шу Дала Iалашдойла массо а.
— Бехказала ваха ца оьшу, СаьIид! Тхоьгара баркалла ду хьуна Даймахкана пайдехь хила тхуна аьтто баларна, ткъа стаг шен хан кхаьчначу хенахь бен лийр вац… иза вайна хууш ду, — жоп делира цуьнан къамелана Iаьрбис.
Хьехачохь карийна ахча царна юкъахь дIасадийкъира СаьIида. Ткъа цул тIаьхьа вовше Iодика а йина, тоба дIасакъаьстира. Iаьрби Гучан-Кхаьлла дIа юха вахара, Сайпуддин Расулца а, иштта тобанера важа кегий нахаца а Борзехула дIавахара, ткъа СаьIид шаьш маьрша ваьккхинчу кхаа кIантаца лаьмнашкара охьавоьссина, шен цIехьа ваха новкъавелира.

Лаьмнаша къобалбинера СаьIида арабаьккхина некъ, цундела цуьнан аьтто а белира. Баьццара баргIатаца кечъеллачу церан тархашкахь ловзура дашочу маьлхан зIаьнарш, ткъа массанхьара а схьахезаш дара Органан марахьарча сатесначу кегийчу шовданийн декар.
СаьIидана гира шеца волу кхо кIант Iаламан хазалло цецваьккхина дIасахьежар. Я бехк а бацара — кхузара суьрто бен доцуш вуьтур вацара цхьа а.
ХIара цхьа шатайпа буьрса, акха хазалла яра. Кхузахь хаалучу маршоно хьервоккхура, берриге а кхетам дIалоцуш. Хеталора кхузахь ду ма-дарра дуьне, ткъа цу лахахь диссинарг цунах тардала гIерта, цхьа декъаза васт ду. СаьIид кхетара ламанца массийта бутт боккхуш, ша чуьра дуьйна цIанвелла, кхиъна хиларах. Лаьмнашка мосазза воьду, ницкъаш алсам болий, цунна ша а мокхазан бердах тарлора, дуьненан кIад боцучу хIуманашка меттах баккхалур боцу.
— Лай бохург хIун ду ***йла ма дац я кху меттигашна а, я кхузахь Iаш болчу нахана а, тIамца кхуза чугIертарш цунах кхеташ бац те? — ойла йора СаьIида.
КIенташка дIа а хьаьжна, цо элира:
— ГIелделлий шу? СадаIий вай цхьажимма?
Хьуьнхахь шаьш тIенисбеллачу жимачу ирзухь, ког хецна, паргIат охьахевшира уьш. СаьIидана кIенташца къамел дан лиира:
— Массарна а гирий тIемалой хил дехьа бовлуш?
— Гира, — меллаша жоп делира кIенташа.
— Хаза дарий? — хаьттира СаьIида, сийначу геналле вехха дIа а хьоьжуш, — иштачу «дикане» валаво шуна шун джамаIата. Шу массо а къона а, могуш а мел верг тротилах а вихкина стигал вохуьйтур ву, ткъа буха биссиначеран гехь шаьш дIасалелар бу, ишта декъаза кхане ю шуна вайн къоман, нагахь санна вай Iадат лар ца дахь, цунах вай тийсса ца лахь. АллахIа дуьненна ислам дин доссоле дукха хьалха, Iаьрбой джахилиян къизачу, инзаре боьхачу ламасташца Iаш болчу хенахь, нохчий кху дуьненан цивилизаци шайн мехала дакъа дуьллуш, шайн истори кхуллуш Iаш хилла, церан культурин лараш ю шуна вайна гуш йолу хIара шира бIевнаш, гIаланаш. Вайн дайшна ислам дин девзаш ца хилла моьтту шуна? Шуна хаьа мукъне а хаьий ширачу заманахь и дин къуьссуш цара мел лайнарг? Цара къиссина долу ислам ду вайна оьшуш, мичара йойла а ца хуучу Iаьрбойн бес-бесара йолахоша деана ислам дац вайна оьшург. Вайн нах Казахстанехь мацалла белла шун хьакхин жижиган хьожа ца яккха, вайн молланаш Соьлжа-ГIалахь охьуш хилла шуна уьш КъорIанах а, Суннатах а ца къастарна, Дики Дивизера вайн бIаьхоша шайн синош дIаделла шуна ламаз дан бакъо йоккхуш. И ислам ду аш къисса дезаш дерг. Тротилах а хьаьрчина стигал вахана, хьайх Дала геч дийр доцу къа латийча яккхалуш яц шуна ялсамане. Ислам бахьанахеь вала ца гIерташ, цулле а хьайн дай санна цу исламан лехамашца ваха хьажа. Иза ду хьуна доккха гIазот!
СаьIидан тидам а ца хилира шаьш ишта Iаш ши сахьт гергга хан яьллий, ткъа цаьрга хьоьжуш кхин а беха некъ бу…

Ши де даьлча, СаьIид кхин некъан хьовзам боцуш, шен юьрта кхечира. Кхаа кIанта хIара меттигаш шаьш къиъна ю, кхин дIа шайна хуур ду элира дIадаха, амма СаьIида цаьрга ла а ца дуьйгIира. Цо сацам бира уьш юьртан Администрацин куьйгалхочун кара дIабала, тIаккха бен хетар вац цунна ша са паргIат.
Ах буьйса яьллера СаьIида Демилханов ЖабраIилан ков тоьхча. Фонарик а сегош араваьлла иза, бIаьргаш хьекхош лаьттара, самавала гIерташ. Иза цецваьлла СаьIиде хьоьжура, шена гинарг адам доцуш санна.
— Хьо мичара вели? Ванах, хьо мичахь вара? Массо а сагатдеш ма вара…
— Со дIавоьллина а хир вара аш, — хадийра цуьнан къамел СаьIида, — башхалла яцара со мичахь хиллехь а, коьртаниг и дац. ХIара кхо кIант гуш вуй хьуна?
— Ву!
— ХIорш Хьалха-МартантIера бу. Соьга хIумма а хетта а ца хоьттуш, хIорш шайн цIа а кхетабай, дай-наношка дIало. Шаьш мичахь Iаш бу кхара эр ду хьоьга.
— Собар, собар, СаьIид, цунах дош хир дац, хьенан ду хIара бераш? Мичара девлла хьуна хIорш? ХIара хIун зама ю ма хаьа хьуна.
— ХIара зама муха ю сайна хууш долу дела бах ас хьоьга, хьоьх сагатдеш, хьан кхерамазаллех сагатдеш… Iуьйранна цIа дига бераш, дай-наношка дIа а ала шайн хIара кхо тентаг кхин чуьра ара ма ялийта. Со хьуна ца гина!
— Мегш дуй?
— Мегш ду. — реза хилира ЖабраIил, ткъа юха цхьа хIиллане велакъежаш, цо элира, — Хьайн цIахь ца хилла моьтту суна хьо хIинца а…
— Ца хилла. ХIун дина цигахь?
— ХIуммаъ ца дина.
— Стенна къежа хьо тIаккха?
— Хаза хеташ… Хьо цIера а ваьлла, Хасамбека ерриге а ков-керт дIалаьцна шу. Шуьгахь ваха хиъна иза хIинца, цундела бахар ас-м — забар йира ЖабраIила.
СаьIида кхин цкъаъ дийхира ЖабраIиле, хIара гIуллакх дийцаре ма де аьлла, ткъа маьрша ваьккхина волу кхо кIант ийзалуш СаьIидана тIе а веана маракхийтира:
— Дела реза хуьлда хьуна, ващи! Хьо ца хиллехь, тхо оцу хьехачохь лийр дара, — долийра цхьаммо къамел
— Хьайн цIе алахь… хьо мила ву… дай-наношка эр дара оха, — вистхилира важа.
— Дай-наношка аш хIун алий? Хьуьнха а гIой, цхьацца стомма гIаж яккхий, шаьш гIелдаллалц шуна и етта ала. Ткъа сан цIарах аш дан хIума дац! Дуьйло, цIа гIо! Дала Iалашдойла шу! — СаьIид церан белшех куьйг а тоьхна, ЖабраIиле Iодика а йина, шен цIа вахара…






                Болат
I
Ах шо сов хан яьллера СаьIид шен юьртахь хиланза. Иза меллаша воьдура хьомечу урамехула, аьхкенан буьйсанан хIаваах марзо а оьцуш.
ЦIенна юххе кхочуш, цунна геннара гира Хасамбекан машен.
— Тахана ца веанехь а дацара хIуммаъ… хIинца коча вогIур ма ву шен къамелашца.
СаьIид ков схьа а диллина чоьхьаваьлча цецвелира. ИбрахIиман даьгначу цIийнах йиссина нехаш а яцара, ткъа ков-керт малх санна цIена яра.
— Хьажахь, Хасамбека-м суна ца моьттучу агIор дика къа хьегна хилла, — элира СаIьида ша шега, амма хIете а цуьнца къамелаш дан де дацара СаьIидан, цундела иза меллаша чоьхьа велира, татанаш ца дан гIерташ. Цхьа дика Заурбекан чоь еса яра, Хасамбека кхин меттиг хаьржинчух тера дара охьавижа.
Мотт а ца табеш, Заурбека ламаз деш хиллачу цIоканна тIе охьавижира СаьIид, гIовланга шена тIехь хилла куртка а юьллуш. Кху тIаьхьарчу хенахь гIелделла хилла цуьнан са, а дегI а минот ялале набаро дIалецира…

Iуьйре хиллий а хуур дацара СаьIидана, амма маьхьарца тIеветталучу Хасамбека сиха самаваьккхира иза:
— Хьо дийна ву? Хьо дийна ву, СаьIид?
— Хьо со велла моьттуш воккхавеш хилла хир ву! Хьо новкъа ваккханза гIур волуш вац хьуна со Эхарте — хIинца а набарха валанза СаьIид, иза шена тIера дIа а ваьккхина, агIо харца гIертара, амма Хасамбек соцуш вацара.

— Хьо мичахь вара? Ишта тIепаза дIа муха вовр ву ах шо сов ханна. Мичахь вара хьо ван мукъне а?
— ДIавалахь сан кочара! Наб яйтахь соьга! Мичахь вара… мичахь вара… хьан хIун бала бу?
— Бала бу-кх сан! Хьо велла моьтуш, хьан дакъа мичахь лохур ду ца хууш, ойла йоьхна хьийзаш ма вара со.
— Ахь со вижа вуьту я ца вуьту? — боккъалла а оьгIазваханчу СаьIида хьалаиккхина, лаьтта охьавожийра Хасамбек.
— Со ишта атта немцойн кара гIур ву моьттура хьуна? — гIадвахана велавелира Хасамбек.
Тийссалуш, лаьттахула керчаш волчу цу шиммо тидам а ца бира, кхарех велакъежаш, неIсагIарех лаьтташ цхьаъ хиларе.
ХIара шиъ кеста саца дагахь воций хиъча, цо меллаша неI туьйхира. СаьIид шена тIера Хасамбек дIа а кхуссуш, неIаре хьаьжира, ткъа юха шена гиначух Iадийна, бIаьргаш хьекхош, лаьтта хьалахиира иза. НеIсагIарера делакъежарца кхуьнан бIаьра хьоьжура ИбрахIиман сибат.
— Дика цецваьккхиний оха хьо? Башха хIуманан тамаша беш а ма вацара хьо, — велавелира Хасамбек.
Ткъа СаьIиде шен юьхьтIера хьацаран даккхий тIадамаш дIаса а хьоькхуш, мохь белира:
— Болат?!
Хасамбек а, Болат а цецваьлла вовшашка хьоьжура.
— Хьуьна хаьара? — хаьттира Хасамбека.
— Иза вуй хаьара, амма цIа веъний-м ца хаьара, — жоп делира СаьIида.
— Хьайн кхин цхьаъ ваша вуй хьайна хууш доллушшехь, соьга ца дуьйцура ахь? Ишта бен дац вайна юкъара гергарло? — вусавелира Хасамбек.
— Хасамбек! Хьайн Делан а, Пайхамаран дуьхьа дIасаца! Сан корта хIинца иккхина, цу чуьра хье аратасса хьайна ца лаахь, дIасаца! Хьайн кийрахь жимма а дог делахь, дIасацахьа! Ас ша дерриге а дIадуьйцур ду хьоьга, цкъа со меттаваийтахь — мохь хьаькхира СаьIида шина а куьйга а корта а лоцуш.
Хасамбек кхеравелла юххе охьахиира цунна
— Бехк ма билла, сан ваша… суна хаьа ма ца хаьара хилларг хIун ду.
СаьIид халла са деIарца хьала а гIаьттина Болатана тIевахара. ИбрахIиман санна леккха, зоьртала дегI, цуьнан санна тешамца кху дуьнене хьоьжу, хаза ши бIаьрг. Иза юхавирзина, бехк боцуш вийначу шен вешин аматехь, юхавирзина дато сом кхеран хIусаме юха доьрзуш санна, мел доккхачу эскаре а нохчийн къоман хIу хадор ца хиларан къеггина тоьшалла санна. Иза юха вирзина кху цIеран арц хиллачу шен ден цIа нохчийн къоман кханенан билгало санна.
СаьIид вист ца хуьлуш лаьттара, Болата тIе а веана ша мара къовллалц.
— Муха веана хьо цIа? Муха? — олура сих-сиха СаьIида (оьрсийн маттахь), цуьнан белш шен бIаьрхишца яшош.
Воьхна Хасамбек а лаьттара, бIаьргашка куьйг хьоькхуш.
— Вежарий, шу дистхила… со дIаваха воллу. Болат, хIинца ахь соьх кхин дан хIума дац, ткъа сан а шортта гIуллакхаш ду — вистхилира Хасамбек.
— Собар, собар… цунах дош хир дац! Ахь сан наггахь дог этIадахь а, амма тахана хьо ас ишта дIавохуьйтур вац, ахь совгIатна велча санна хета суна сайн ваша. Цундела, накъостий вай хIинца юучун гIайгIа а бина, тIаккха аш паргIат соьга дуьйцур ша шиаъ кхуза муха кхаьчна — сацийра иза СаьIида.

II

СаьIида шена дуьххьара Заурбекан къайле гучуьялла болу паднаран шалха бух схьабиллира. Цо юха а цу чуьра и ларча схьаийцира.

Мажделлачу кехата хIинца ишта чIогIа дог карзах ца дохура. СаьIид Хасамбеке висхилира:
— ХIара суна со лаьмнашка дIавахале айса тIаьххьара кху чохь яккхинчу буса карийра. ШолгIачу Iуьйранна со гIаш Борзе дIавахара.
СаьIида кехат Болате дIакховдийра. Иза оьрсийн маттахь яздина хиларна, цуьнан аьтто бер бу и деша.
Болата лерина иза шозза деша а дешна, ткъа юха ойланашка вахарца, корах ара а хьоьжуш элира:
— Нанас ма дийццара ду ша дерриге а.
Цо шен кисана а кхевдина, жима тептар схьала а даьккхина иза СаьIиде дIакховдийра:
— ХIара Вайц Эльзи дневник ю.
СаьIида схьадиллира тишделла тептар. Кхузахь дукха йозанаш дара, жимачу зудчун хилла ойланаш — дуьххьара Алексаца хилла цхьаьнакхетар, ша цуьнга маре яхар, Казахстане шаьш махкаха дахар, кийрахь дуьххьара тохаделла бер, ткъа юха цу йозанашна юккъахь цунна гира шекъаца къаьсташ даккхийчу элпашца яздина дош «Нохчо Болат».

«…Иза тхан дахарехь уггаре а чолхе деана шо дара. Алекс хIетахь студебеккер тIехь болх беш вара. Халла тоьара тхуна рицкъа. Наг-нагахь Альберт а, Альбертина а меца дIадуьжура. Амма тхоьга болх мукъне а бойтура, иза дара коьртаниг.
Ткъа юха Казахстане далийра и къам. Уьш цхьа шатайпа бара, массарех а къаьсташ, цаьрца Iедало латтош йолу къизалла а яра шатайпа. ХIетахь дуьххьара хиира суна нохчийн къомах лаьцна. Махках баьхначу массо а нахана юкъахь уггаре а гIад дайна а, декъаза а бара уьш. Алекса а, ас а дукха ойла йора НКВДшникаша царна тIехь латточун, аммабюха тхойшиъ кхийтира — уьш таIзарна махкаха баьхна бацара, уьш хIаллак бан кхиссинера кхуза.
Уьш шийлачу шахтанашна чулоьхкура, дарбелла зекаш царна тIетуьссура, амма массо а цецвокхуш, нохчашна карабора цу дерригенна а духьал тийссабала ницкъаш.
Амма мацалло кIелбитира уьш. Мацалло хIаллак деш дара нохчийн къам. Уьш де доьхна биссира.
Алексана гуора ша кIа дIасакхоьхьучу новкъахула уьш текхаш, жимма а кIен буьртиг карор бацара те бохуш. Амма цигара а лоьхкура уьш НКВД-с.
Уьш хIора а дийнахь леш бара…
Цу сарахь Алекс тIаьхьа цIа веара. Четара цо цхьа жимма кIа чохь долуш кехатах йина кулек кховдийра соьга. Цуьнан мокахчу юьхь тIе хьаьжча кхийтира со дагахь доцург хиллий. Иза соьга вист ца хуьлуш, дехьа чу а ваьлла, дижина долчу Альберте а, Альбертине а вехха хьоьжура, шена и ши бер дуьххьара гуш долуш санна…
— Алекс! Ахь хIун до? — хаьттира ас. Иза цу чуьра ара а ваьлла, суна тIаьхьа кухни чу а веана, ши куьйг букъа тIехьа а лаьцна корах ара хьоьжуш лаьттара, ткъа цул тIаьхьа цхьа тамашийна лазамца дийкира цуьнан аз:
— Соьга кхин са ца тохало… церан бераш ду мацалла леш… тахана Iуьйранна суна гира цара цхьаьна ора чу масех бер дIадуллуш. Ас тахана цхьаьна нохчийн зудчуьнга аьлла, кхана кхо сахьт даьлча юьрт йистера татол долчохь кIа чохь долу сан машен тIекIал ер ю.
— Алекс! Алекс! — са дIалаьцна, мохь тоха а ницкъ бацара соьгахь.
— Йоха ма йоха! ХIуммаъ дац… ас айса тIелаьцна сацам бу иза… ши бер ларде… суна хьо езаш хилар даима дагахь а латтаде… сан даго хьоьху суна ишта дан деза бохуш… и делла бераш гина кийра тIекIалбелира сан… КъинтIера яла суна, Эльза…
Суна ца хаьа и буьйса чекх муха елира, амма хала а, атта а дIаелира иза.
Iуьйранна ас массо а хенахь санна новкъаваьккхира Алекс. Цо Iодика ца йира я сан а, я берийн а. Вовшашка ала дезарг цу буса аьллера оха шиммо.
Юха маьркIаж хенахь, со йолчу тийжаш чуедира лулара казахийн ши зуда — со кхийтира Алекс дIалаьцний. Амма суна ца моьттура кхин дIа ша дерриге а ишта къиза а, ирча а хир дуй.
Уьш дарделла аккхарой санна чулилхира чохь мел долу хIума тIекIал а тухуш. Алекса цу сарахь деана хилла и кIен кана ас берийн маьнги буха лачкъинера. Иза карийна хьербевллачу цара къиза йиттира суна. Кирзови эткашца гайтIе мираш бетташ, цIих юьзна со аратакхийна, куьйгаш дIа а дихкина машенна чуйиллира. Ткъа юха хилира уггаре а доьхнарг… ас цкъа а дицдийр доцург, я сайна а, я Алексана а айса геч дийр доцург. Цара берийн цIийне дIадигира Альберт а, Альбертина а.
Кхин дIа сан дуьне дуьйхира, сан дуьне жоьжахател къиза хилира.
«Фашистан» зуда — иза дара со кхаьчначу набахтера соьгара жоп доьху, соьга цIанлур ца хилла, сан дахарера уггаре а доккха къа. Ас Деле сайна Iожалла йоьхура, амма цунна со хезаш яцара. Масех бутт боккхура ас шийлачу шахтешкахь.
Со нуьцкъала-хьийзайора, барам боцуш Iазап латтийра суна тIехь. Иза ша дерриге а чаккхе йоцуш хир ду моьттура, амма чаккхе-м хиллера…
Сталин велла аьлла кхаъ набахте а кхечира. Хийла адам дахарах, ирсах, Даймахках даьккхина хилла волу стаг а дахарах хедира.
Со маьрша елира, амма оьшуш ярий те суна и маршо?
Больницехь соьга элира ас мел лайна Iазап бахьана долуш сан кхин бер хир дац аьлла, ткъа ас са ма туьйссура. Амма цу диагноза, сан кийрахь йогуш хилла тIаьххьара дахаран алу а яйира.
Десачу дагца, бесачу кийранца со мича яха еза ца хууш тхаш дехаш хиллачу урамехула дIасалелаш яра со. Алекс дIавигна аьлла соьга шийла кхаъ бохьуш еана хиллачу цу казахийн йоккха стага тIелецира со. Ас цунна цIентIехь гIо а дора, со лор хиларе терра, оьшучу хенахь цунна маха а тухура.
Цхьаьна дийнахь суна сайн чекхдаьлла хеталу дахар тIекIалделира. Новкъахь духьал кхийтира тхойшиъ. Иза вара нохчо Заурбек. Алексана вевзаш вара иза. Цо студебеккер харцийначу хенахь а цигахь кIа гулдеш хилла вара иза.
Айса мел лайнарг дийцира ас цуьнга — Альбертах а, Альбертинах а со ялар, кхин бен хир дац аьлла лоьраша бина сацам а.
Ас къайла ца до — сан гамо яра цу стагаца. Уьш бахьанехь ма доьхнера тхан дуьне. Алексах цхьаъ ала гIоьртира иза соьга, амма юха вист ца хуьлуш дIавахара…
Нийсса ши кIира даьлча, буьйсанна хан йоцучу хенахь сан неI туьйхира. Иза хиллера суна гина волу нохчо Заурбек. Цо кех ара яла элира соьга, дийца дезаш цхьа чIогIа чулацаме къамел ду. Со цунна тIаьхьа араелира. Суна гира цо дитта тIехьара цхьа кIайн ларча схьаоьцуш. Со кхийтира иза бер хилар. Кхин дIа ша дерриге а туьйранехь санна дара. Заурбека элира соьга масех сахьт хьалха шен зудчо шала ши кIант вина аьлла, хIара цхьаъ иза хIинца а меттаянза йоллушшшехь а цо суна схьавеънера, ткъа зудчуьнга цо иза велла аьллера.
Оцу кепара тхан доьзална хьлха болу шен къоман бехк цIанба гIертачух тера дара-кх иза. Цу буса Заурбека дийцира соьга Алекс набахтехь йиттина велла хиларах…
Iадийна лаьттара со цунна хьалха, амма Заурбека сихо ян езаш хилар дагадаийтира.
И бер соьга кара луш, цо элира шен цхьа дехара хилар — цу кIантана хаьа деза ша нохчо Болат вуй, чIинхо тайпанера. Шина кIантана юкъахь иза воккхаха а ву, мелла а могашаллица тоьлла а ву.
— Нохчо Болат, чIинхо тайпанера — оцу дешнашца сайн маракъевлира ас, мерза наб ийзош долчу беран довха дегI. Оцу буса дIаяхара со юьртара. Ахча Заурбека делира суна.
Иза политически «оттепель» олу хан яра, цундела хьалха санна некъаш дихкина дацара суна. И бахьана долуш сан аьтто белира кIантаца Казахстанера ГIиргIазойн махка дIаяха.
Набахтера ара яьлла дукха хан яц, цундела кехаташ дайна аьлла сайна керла паспорт декхира ас, маре яхале сайн хилла фамили а оьцуш. Цу фамили тIе дIавазвира ас Болат а. Иштта тхойшиъ Нойманн Эльза а, Болат а дара. Со цигахь лоьран болх беш яра. ГIиргIазойн махкахь тхойшиъ Советски Союз йоххалц дехаш дара, ткъа цул тIаьхьа Германи дIадахара. Ас кхин дIа ца элира Болате иза боккъалла а мила ву. Заманан йохалла дуьхьал туьссура суна и кIант сайга хьалуш Заурбекан хилла бIаьргаш, ткъа лерехь декара цуьнан аз — кху кIантана хаьа деза ша нохчо Болат вуй, чIинхо тайпанера. Ткъа юха сан дахаран маьIна хиллачу Болатан бIаьра хьаьжча, соьга ца алалора цуьнга и, со кхоьрура суо цунах яларна, и воцуш со йиссарна. Амма хIете а Заурбекан весет кхочуш деш, иза нохчо санна кхио гIоьртира со. Болатана дукха жима волуш гIиргIазойн воккха стаг волчу а вигна, суннат дайтира ас, ишта хьакхин жижигах а ларвора ас иза.
Шераш дIаоьхура. Советски Союз йоьхча, тхойшиъ Германи дIадахара. Жимма хан яьлча, Нохчийчоьхь тIом белира. ХIетахь Казахстанехь мацалла леш хилларш, хIинца тIамо бойуш бара. Цу шерашкахь дукха нохчий Германе дехьабевллера. Уьш чIогIа хаза а, доьналла долуш а нах бара. Ерриге а Европа цецяьллера церан майраллех, цара Россина тIехь толам боккхуш, иза охьатоIарах. Амма хIоразза а цигара оьху хаамаш ирча бара.
Цхьаъ дIабаьлла балале, кхин цхьа тIом болабелира цигахь. Уьш къиза бойуш бара. ДегIатIера массо а чо ира хIуттура, цигахь Россин эскара деш долчу зуламех лаьцна хезча.
Болатан ненах къа хетара суона. ХIора буса Заурбек гIенахь гора суна, ткъа лерехь декара цуьнан аз: «Кхунна хаьа деза ша нохчо Болат вуй чIинхо тайпанера».
Суна Болатан хьалха сайн бехк хетара, цундела суна хIинца цуьнга дIадийца а лаьа:
— Сан хьоме Болат! Россис и къам дерриге а хIаллак дале, хьайн нах лаха… хьан да-нана дийна каро а мега хьуна… сихо е, дIагIо Нохчийчу. КъинтIера вала суна, чIинхо тайпанера нохчо Болат. Хьан цIийца йолчу комаьршаллас хьо соьца гома хулуьйтур вац аьлла тешна ю со. Хьайн нах лаха, хьайн аьтто балахь тIамах кIелхьара бахе, кхуза схьа а валаве, хьайга валалуш верг.
ГIиргIазойн махкахь вай Iаш, ас сайн ницкъ ма кхоччу лехнера Альберт а, Альбертина а, амма сан гIуллакх ца хилира. Сан дехара ду хьоьга лаха и шиъ а. Караде хьайн ваша а, йиша а. Дийна хила а тарло и шиъ.
Цундела техкинера ас хьан берашна ишта цIерш, хьуна даима а дагахь латтийта хьан нанас дина доцу ваша а, йиша а хьайн хилар.
Суна чIогIа хала ду хIара язда, амма хьан Iодика еш, хьо новкъаваккха кхин а хала хир дара суна, хIунда аьлча суна хаьа айса хьо тIеман кIурла дIавохуьйтуш вуйла. Цундела вайшиъ ца гайта, со цхьаьна ханна Баден-Бадене дIагIур ю, сайн могашалла таян.
Дала Iалашвойла хьо… АллахIа ларвойла хьо… АллахI — ишта кхойкхура Деле Казахстанехь мацалла леш болу нохчий.
Муьлха а нана хьоьгур йолуш суна дика кIант хилла ву хьо! Суна хьо сайн сил дукха а веза.
Бовхачу безамца хьо ца вина нана Вайц Нойманн Эльза…»

СаьIид кехат дешна велира. ХIусамехь цIеххьана яьржина тийналла сиха йохийра Соьлжа-ГIала йолчу агIонера схьахезачу яьккхий тоьпийн татанаша.
— Ненаца цхьаьна клиника схьайиллинера оха, иштта гIоьналлин болх а бара оха шуьйра дIахьош — долийра шен къамел Болата, СаьIид цуьнга мел сатесна ву шена хиъча санна.
— Нохчийчуьра хьалхара тIом болалуш, сан нанас чIогIа сагатдора цигахь хуьлучунах. Со башха цец ца велира, хIунда аьлча, гIоьналлин болх беш, цомгуш нахаца уьйр латтош, дог кIадделлера цуьнан. Амма цец со сайх вуьйлура. Нохчийчоьхь хуьлучо бен доцуш ца вуьтура со, цул совнаха цхьа а ца тешара со немцо ву аьлча, тера вац олура. ШолгIа тIом болалуш, суна дуьххьара нохчий бевзира. Тхойшиъ ненаца психологически реабилитацица гIо деш дара Нохчийчуьра схьадахкийначу берашна.
Цхьаьна беран дас элира соьга со чIогIа нохчех тера ву аьлла, цул совнаха иза чIогIа цецваьллера сан нохчийн цIе хиларан а. Амма ас башха тидам ца бира цуьнан, хIунда аьлча нанас дуьйцура со виначу ГIиргIазойн махкахь Iаш дуккха а нохчий бара, цIе а цара тиллинера суна.
Амма де дийне мел долу со кхеташ вацара сан нанас лелочух. Буьйсанна кхералуш самаюьйлура иза, гIенахь суна ца девзачу адамашка кхойкхура. Ткъа юха масех де даьлча Баден-Баден гIала дIаяхара иза, хIара кехат суна а дитина. Со сиха зIене велира сайна бевзинчу нохчашца. Цара хазахетарца гIо дира суна шун лар каро.
Дуьххьара со нохчочух тера ву баьхнарг ша хиллера чIинхо тайпанера. Цо Москвахь Iаш болчу шен гергара нехан телефонийн номераш елира суна. Со Москва вахара, цигахь цара со чIогIа дика тIе а лецира. Бизнесмен Мовлади волчохь сецира со — Нихалара Мовсаран кIант вара иза. ЧIогIа тайна, дика стаг. Кхин а шиммо Солт-Ахьмадан кIанта Арсамаков Мохьмада а, Уьшкхалара Осмаев Магас а чIогIа гIо дира суна Нохчийчу кхача. Ишта шаьш муьлш ду довзийтира цара суна.
Цхьа а хьовзам ца хилира суна новкъахь, хIунда аьлча сан карахь суо лор хиларан а, иштта тхан клиникин а тоьшаллаш дара. Амма со уггаре а чIогIа цецваьккхинера хьо Германе Iаш хиларо — велакъежира Болат.
— Ас мел дукха лехнера Вайц Эльза… шерашца лийхира ас иза. Фамили хийцарна карош ца хилла-кх суна иза. Дас кхин дош ца олура — Вайц Эльза доцург. Иза ша а ма веара Казахстане. Хьоьх лаьцна а со лаьмнашка дIаваха масех сахьт диссича бен ма ца хиира суна, — халахетарца элира СаьIида.

Болат дехьа чу а вахана, шортта суьрташца аравелира. ИбрахIиман сурт шена улло а лоцуш, цецвийлина ца волура иза шаьшиъ сел чIогIа тера хиларах.
— Паспорта хьо муха кIелхьараваьккхира дийца цуле а, — велавелира Хасамбек.
— ХIун паспорт? — цецвелира СаьIид.
— Тхо кертахь гIуллакхаш деш долуш, зачисткаш юьйлаелира. Со кхеравели, хIинца Болатан коча гIур бу хьуна уьш — мила лор ву, мичара ваьлла бохуш, цундела ас уьш тхайга кхачале, сиха шун тишачу кехаташ юкъахь, ИбрахIиман паспорт а карийна, иза Болате дIаделира, хьо школехь хьехархо ву эр ду ахь аьлла. Дика дагадеанерий суна? — дозаллица хаьттира Хасамбека.
— ДогIур ду дер хьуна дага! Хьо вайн тукхумехь а уггаре а хьекъал долуш ма ву, — Iоттар йира СаьIида, ткъа юха элира — и паспорт-м кхин а оьшур ду шуна вайна.
Уьш бехха Iера къамелаш деш. ХIара хIусам юха а юьзнера адамийн йовхонах. Болата дийцира Нохчийчоьхь хьалхара тIом болалуш ша зуда а ялийна, цуьнан цIе Мирабелла ю аьлла, ткъа шина берана Альберт а Альбертина а цIерш тиллинера Эльзас. Цунна иза сел чIогIа хIунда лиънера хIинца бен ца хиънера Болатана. Альбертина ИбрахIиман йоьIан Лизи хеннара ю, ткъа Альберт Исламал жимох ву.
Къамелехь Болат сих-сиха немцойн матте волура СаьIидаца. Цецваьлла цу шинан бага хьаьжжинчохь виссинера Хасамбек. Цуьнан тидам бина, самукъадаьллачу СаьIида элира:
— ТIаьххьара а немцойн кара ваха-кх хьо!

Кхо бутт хилла Болат цIа а веана Хасамбекаца СаьIиде хьоьжуш волу. Уьш хIинцале Нальчике а бахана хилла, Зарган йолчу хьошалгIа. Цо доккха той хIоттийнера шен вешина. Зарганан берашна а, иштта Лизина а доккха хазахетар хиллера Болат гина, ткъа Лиза цецйийлина ца юьйлура Болат сел чIогIа шен дех тера хиларах. Хасамбека дуьйцура Iийса а ловзош, Болатан велхар. Ткъа СаьIид кхин а чIогIа цецваьккхинарг дара Вайц Эльзас Дрездене а еана, СаьIидан доьзалца масех де даьккхина хилар. Зарган Анница зIене а яьлла, ишта бовзийтина хилла уьш. СаьIиде хазахетаран бIаьрхиш ца сецалора.
СаьIида сацам бира тахана цхьаьна кешнашка а дахана, ткъа кхана юха а Зарган йолчу Нальчике даха, Нохчийчоьнан тIамо дохийначу кху Iаьржачу сибатах жимма а садаIа.

ЧIогIа хазачу меттигехь дара кху юьртан кешнаш. Жимма айделла, нийсса лаьмнийн кортошка хьоьжура уьш.
Аьхкенан стиглахь яьржара чубуза кечбеллачу маьлхан дашо зIаьнарш. Кешнийн кертан тийналла йохош, хезара СаьIида доьшучу Йесанан гIийла мукъам. Уьш бист ца хуьлуш лаьттара ул-уллохь баьккхинчу беа барзана — Заурбек а, Хеда а, ИбрахIим а, Хьава а кхузахь а цхьаьна дара.
Болат а, Хасамбек хIинцале веана хилла кхуза, цундела кешнийн барзнаш цIандина дара, яьлла къухь дIа а йоккхуш. Уьш бехха лаьттара кхин бист ца хуьлуш, ткъа юха цу шатайпа гIайгIане тийналлехь, дагчуьра лазам ца сецош, къурдашца вистхилира СаьIид:
— Болат! Дала мукъ лахь ас лохур ду хьуна и шиъ… суна карор ду хьуна Альберт а, Альбертина а…
Ас Эльзи дуьхьа дийр ду… Вайц Эльзи дуьхьа… ас дош ло хьуна… хIорш массо а теш а лоцуш — СаьIида бIаьрг туьйхира кешнашкара чарташка.
Цул тIаьхьа Хасамбек ша волчу дIавахара, ткъа СаьIид а, Болат а цIа веара.
Ах буьйса яьллера. Соьлжа-ГIалара схьахезара гIовгIа — юха а бомбанаш еттачух тера дара. Юрт Iаьржачу бодано лецира, наг-нагахь иза сирла юьйлура еттачу ракетех, ткъа Заурбекан цIийнан корехь юха а богура чирк, юха а шиъ вара кхузахь вижанза…










                Дерзар

Гуьйре. Кешнийн кертара диттийн гаьннаш тIера тIаьххьара гIаш дара охьалегош Петербурган шийлачу мохо.
Кошан барзана дуьххьал, дечиган гIанта тIехь хиина Iаш вара, буккар а вахана къена инарла. Кошан барза тIехь лаьттара Iаьржачу бепиган цостар тIе а диллина, къаркъан стака, ткъа важа стака инарлин карахь дара.
Иза леррина хьоьжура барза тIехь долчу йозане — «Нохчийн тIамехь доьналлица кхелхина Тарасов Игорь». Инарлина ца хааделира шен букъа тIехьа лаьтташ нах хилар. Юха хьаьжча, Iадийначу цуьнан багара халла аз делира:
— Тасс… Тассуев Ибр… соьга хьо… соьга хьо… — кхин вист ца хилалуш, цо шен дог схьалецира.
— ХIаъ! Тасуев ИбрахIим. Массеран а хIу дайалур дац хьоьга, хьакха! — жоп делира Болата.
— Хьайх тера боьха хIума кхи а йина, арахецнера ахь, цуьнга шен да вейта?! Ткъа тхо-м лийр долуш дац хьуна, хьуна ма-гарра, дийна мел волчул а дийна ду хьуна тхо! Ахь хийлозза тIехйиттинчу Казахстанера а цIа дирзина тхо-м. ИбрахIим а дийна ву, тхан къам а дийна ду, ткъа хьо, хьуо сел чIогIа муьтIахь хиллачу Iедала нохчийн жоьжахатехь хIаллак мел хилларг, хьайн йоьIан кIант а тIе дагалоцуш и къаркъа сих оьхуш хийла Iийр ву, — олуш, човхира СаьIида Ольгийна да.
Инарла тассавелла гор охьавуьйжира. Лаьттах кхетта бохийначу марара цIий, йовхаршна багах оьхучу чопанца ийна, иза цхаьна куьйгаца юьхтIехула дIаса а хьоькхуш, важа куьйг лаьттах хьоькхура цо хьалахаа гIерташ.
Цуьнан цу цIармат сибате дегазаллица хьоьжуш лаьттара СаьIид а, Болат а…
Кошан барзан кертан неI цIевзира. ТIаккха царна хезира зудчун шийла мохь:
— Ма ямартхо хилла хьо! Ма хIаллак дина ахь сан дахар! Делах санна хьоьх тешнера со… со тешара ахь уьш ямартхой бу бохучух, амма уггаре а боьха ямартхо хьо хиллера, хьайн сих ваьллачу доьзалхочунна ю ахь йина ямартло. Харцонца дуьне даийтина ахь соьга. Цундела яхийтинера ахь со Литвиновга маре? — тийжара кхаьрца цхьаьна кхуза еана йолу Ольга.
— Хьайн цIийндега Литвиновга хатта, цо вахийтинера иза цига — дуьхьал жопа дала гIерта инарла юха а йовхарша шалха вахийтина, лаьтта охьавуьйжира.
— Вац! Литвинов вац! Хьаьнга хотту ас?! Литвинов селхана мала а мелла, Нева хин чу а вахана велла… — мохь белира Ольге.
СаьIидера велар иккхира.
— Вало! ДIавоьду вайшиъ! — муьшка йира цо Болате.
Ольгин маьхьарца елхар дагах ца кхийтира СаьIидана а, Болатана а. Лаьттахь керчачу инарле дегазаллица дIа а хьаьжна, Болата элира:
— Хьо ву фашист!
Багах чопа а еана, са ийзарца кошан барзана тIеветталучу шен дена тIе мохь хьоькху Ольга цу кешнашкахь а йитина, ши ваша дIавахара.
СаьIид а, Болат а таксица Санкт-Петербург гIалин Пулково аэропорте веара, ткъа цигара боккха хIаваан некъ бара цу шиммо арабаьккхина — Москва — Алматы, Алматы — Кызылорда, Кызылорда — Кокчетау, Кокчетау — Атырау, Атырау — Омск, Омск — Барнаул, Барнаул — Москва, Москва — Берлин.









ЗАУРБЕКАН КЪАЙЛЕНАН МАШАНЕХЬ

КхолгIа книга




















ВАЙЦАН КIА

I
... Гуьйренан стигла екхна яра Берлинехь.
Германин коьртачу шахьаран аэропортехь меллаша охьалахлуш дара ло санна кIайн кема. Цу кеман тIехь дукха адам дара, амма массеран а къаьсттина тидам тIеберзабора цхьаьна йоккхачу тобано. Уьш массо а вовше я гергара я, накъостий болчух тера дара, цхьа Iалашо юьхьарлаьцна арабевлла а бара хIара хIаваан беха некъ бан. Уьш массо а ханна  къаьсташ бара. Царна юкъахь дуккха а бераш а дара, кегий нах а, иштта гIеметтахIоьттина берш а. Цхьаболчарна церан гIовгIа новкъа хуьлура, ткъа кхин берш-м мелхо а бIаьрг буьзна церан терго еш бара. Сибаташ а дара церан къаьсташ – европейцаш, славянаш, азиаташ, кавказхой. ХIун бахьана долуш цхьаьнакхеттера-те церан и тоба хIара некъ бан? КемантIера кхин болчу нахана коьрте а догIур дацара мел боккхачу балано говза маша буьйцина, вовшахтессина бу церан кхоллам.
Кху дуьненахь ша дерриге а шен чаккхе йолуш ду. Цу гIуллакхо хазъеш ю вайн дахаран къиза философи. Мохь беттарх юха ца хьожуш, йорт етташ йоьду зама. Дахаран хьайрано аьхьна ша дуьненан да хеттарг а, адамашна тIехь латтийна харцо а, къизалла а, са кхачош, адамаша къахьегна шийла шахтанаш а ясаелла, паналлехь доьза дайна цIерпоштачуьра охьакхиссина декъий а, Казахстанан шийлачу аренан мехашкахь байна мацалла леш долчу бера тоьхна тIаьххьара мохь. Иза ша дерриге а геналлехь диссина, ерзо молха карор доцу чов цу дуьненан жоьжахатара арабевллачеран дегнашкахь а юьтуш. ХIинца церан кхуьуш тIаьхье ю – ирсе тIаьхье, цу тIаьхьенехь юхаметтахIуьттур бу Сталинан политикин аьчкачу мIаранаша кхолламаш хIаллакбиначеран массо а сирла сатийсамаш а, лаамаш а…
Кема новкъахьовзам боцуш охьалахделира, ткъа цу чуьра араяьлла и самукъне тоба жигара дийцаре деш яра, кхузара пхи бIе чаккхарма генахь йолчу Кельн гIала шаьш бан безаш болу некъ.


II
Товбецан баттахь Кельн гIала исбаьхьа хаза хуьлу. Гуьйрено шен деши ца кхоош кечйо и охьадоьдучу Рейн ахканан тулгIенаш санна тийна а, сирла а дахар долу хаза, жима гIала. Цу дийнахь гIаланан уггаре а коьртачу паркехь тийна дара. Белхан де долу дела садоIуш адамаш мелла а кIезиг дара кхузахь. ХIара парк гIалин бахархошна уггаре а езна меттиг ю, я иза ларамза а дац, хIунда аьлча стигланан басахь долчу Рейнан хи йистехь са а, дегI а, цхьа шатайпа паргIат долу. Ткъа цIеххьана кийра боьссинчу цу мерзачу синтема хьоьга ца хоттуш шен марахьарчабо хьан берриге а кхетам, массо а ойла гIайгIанах цIанъеш.
Хи тIехула говзаллица тиллинчу тIай йистера къахк бухахь лаьттачу гIанта тIехь Iаш яра цхьа йоккха стаг. Цуьнан озачу юьхьтIера хебарша, зудчун къаналлин хилла ца Iаш, цо лайначу баланийн а тоьшалла дора. Цхьа жима, цхьа гIораза яра иза, ша дакъаделла диттан га санна, амма цуьнан даккхийчу сийначу бIаьргашкахь хIинца а бехачу боккхачу синхаамо гойтура, дахаре болу безам а, сатийсам зудчун кийрахь хIинца а богуш хилар. Йоккха стаг леррина хьоьжура хи чохь самукъне ловзучу маьлхан зIаьнаршка. Шийлачу Рейнан тулгIенашкахь зудчунна куьзган чохь санна гора сина а дегIана а ца йоьрзу чевнаш йина шен дахаран чолхе некъ.
Тахана дуьххьара кхийтира Вайц Эльза муха хуьлу боккъалла а йолу, хьан дахаран есалла гойту, шийла шад хуьлий логе гIерта цхьалла. Цкъа а ца хеттера Эльзина ша тахна санна цхьалха а, де доьхна а, Алекс Iедало лаьцна дIавигначул тIаьхьа, къиза мира бетташ, лаьттахула текхош саьлтиша ша арайоккхуш а, шийлачу маьхьарца доьлху жима Альберт а, Альбертина а берийн цIийне дIадуьгучу хенахь а. ХIетахь са а, дегI а, барам боцуш лозура, амма сабIарзделла, йоьхна яцара Эльза, хIунда аьлча иза тешара Iедална Алекс дуьхьалваьлла аьлла кегий берашна бекхам бийр хир бац, Iедал кхетар ду шегара даьлларг гIалат хиларах. Йоьхна яцара иза шийлачу шахтанашкахь гIора кхачийна йожжалц ша къахьоьгучу хенахь а, лазаро лаьцна, кхетамчуьра яьлла цIийндега а, берашка а кхойкхучу хенахь а. ХIетахь цуьнан кийра шийла ша ца буьллуьйтуш берг сатийсам бара, мацца хилла а кху баланан чаккхе хир ю, чаккхе йоцуш хIумма а ма дац, хIара маьлхан дуьне а ма дац даима лаьттар долуш. Иза тешара ша мацца яьлла а набахтера ара а ер ю, шен ши бер схьа а лохур ду. Иза йоьхна яцара хьан кхин цкъа а бер хир дац аьлла лоьраша шийла хаам бича а, хIунда аьлча иза тешара Альбертан а, Альбертинин а лар яйнехь а, кхин бер шен хир дацахь а, амма Алекс дийна ма ву, иза мацца кхаьчна а кхунна тIекхочур ву. Йоха ца кхиира Эльза, буьйсанна неI тоьхна веанчу Заурбека Алекс дуьненчохь вац аьлла шега къаьхьа кхаъ баьккхича а, хIунда аьлча оцу мIаьргонехь цо шен маракъевлира, Алекса охьахарцийна кIен машен бахьана долуш, мацалла ца веллачу нохчочо шена деана дахаран керла маьIна…
Къанйаллалц дахаран шелонах, цхьаллех, есаллех хIара ларйинера чIинхо тайпанера нохчо Болата. Цуьнан даккхийчу, кIоргечу бIаьргаш чохь гора цунна дерриге а дуьне. Ма тера вара иза Алекса шен дахар уьш бахьанехь кагдинчу, Казахстанан пана аренашкахь мацалла а, шелана а леш хиллачарех а. Амма Эльзин ницкъ тоьира дахаран и агIо кхин ца елла, дIакъовла, мел хала а, лазаме а иза хиллехь а. Кхин яцара са хаьдда, гIора кхачийна, диканах дог диллина Вайц Эльза, хIинца ирсе Нойман Эльза яра – хаза а, оьзда а волчу, шен сибатаца нийсархойх цхьа чIогIа къаьстачу кIентан хьоме нана. Цу шиммо цхьаьна кхоьллира керла дахар Эльзин Даймахкахь – Германехь. Иза а хIинца хьалха хилла къизачу фашистийн Германи яцара, иза маьрша, сирла, комаьрша мохк бара. Дуккха а шерашкахь гIоьналлин болх беш, ма дукха адамийн кхолламашкахь йовр йоцу лар йитира, халачу цамгаро лаьцначарна ма хийлозза сатийсам кховдийра цу шиммо. Эльзин и къиза селхане цигахь, Казахстанехь йиссира, казахийн йоккхачу стеган жимачу цIа чохь, Эльза тIаьххьара цуьнан неI къовлуш, ГIиргIазойн махка еддачу хенахь, беран и довха, жима дахар шен мара а къуьйлуш. Ткъа юха Германехь цо кехате а, шекъане а белхийра шен кийрахь IаьIна и боккха бала. Ша яздина тептар кхин ца делла, дIакъевлира цо, амма кхолламан цхьа башхалла ю – заманан йохалла массо а хIума – хиламаш, адамаш шаьш хила дезачу хорше дерзадо цо.
Эльзин дахар тIекIалделира Нохчийчоьхь баьллачу тIеман тоьпан хьалхарчу татанца. Цу тIеман дIаьндарг масех эзар чаккхарма генахь йолчу Эльзин дагах чекхелира. Къаьсттина хIетахь, дуьххьара кхуьнан гIенашка, ша гуьйренан мох санна чухьаьдира Заурбек. Цу гIенашкахь иза вист ца хуьлуш вехха Iара, гIийла кхуьнан бIаьра хьоьжуш, кхо шена мацах делла дош дагадаийта гIерташ санна. Зудчун синтем байначу гIенашкахь сих-сиха дуьхьалхIуьттура Алекс а. Мохь бетташ вогIучу цуьнан и гIайгIане амат, кхуьнан гIенийн сийначу дахкаршлахь кхин ца гуш довра. Ткъа юха, хьалхарчу тIамехь яланза йиссина жима Нохчийчоь, дуьненчуьра дIаяккха санна кхин цхьа тIом болабелира. ХIетахь дуьххьара Германи схьаэха буьйлабелира Нохчийчуьра мухIажарш. Церан даккхийчу, кхерамо Iадийначу бIаьргаш чохь юха а гира Эльзина ша сел чIогIа йицйан гIиртина шен селхане. ХIетахь кхийтира Эльза шен къайленан, дуьнен чохь мел долчу хIуманан санна чаккхе хиллий…
Дахар къаналле лестинчу муьрехь, Эльзин замано гIелдинчу дагна хиира бакъ йолчу цхьаллин и къаьхьа чам. Къухь яьлла, пана аре санна дара цуьнан деса дог, хIунда аьлча Эльза кхетара шена хьалхахула дIасауьдуш долу Болатан а, Мирабэллин а ши бер ма-дарра аьлча кхунна хийра ду. Шийлачу кхетамо сих-сиха дагаоьхуьйтура Эльзина ша кхиийна, шен хьоме кIант ша гуттаренна а шех хадийна хилар. Иза-м кхин цкъа а кху махка юха ца верза а тарло, шен доьзал а цо дIабуьгур бу. Амма кхин а доьхнарг ду Эльзина иза дийна вуй а ма ца хаьа, хIунда аьлча цо иза нийсса тIеман кIурла дIа ма хьажийна. ЦIеххьана Заурбекана йолчу оьгIазлоно дIалецира Эльзин ойла. Иза оьгIазе яра цунна цо къаналлехь шегара бекхам оьцур болу ирс цо шена кховдорна.
- Бабаааа! Хьажахь, мел хаза ду! Альбертаца оха шиммо хьуна гулдина-кх! – Альбертинас бес-бесара гуьйренан патаршах йина йоккха курс кховдийра Эльзига. Цу берийн бIаьра хьаьжча, даго ца юьтура Эльза уьш хийра хета. Ткъа цу мIаьргонехь бIаьстенан токхам санна цуьнан даг чохь охьаьхьаьдира дагалецамийн Iовраш – бераша дуьххьара яьккхина гIулч, дуьххьара аьлла дош, церан хьалхара кхиамаш, берийн беш, ишкол, кхунна цара совгIатна диллина дуьххьара сурт. Болата йовхонах, кIоргечу маьIнах дузийнера кхуьнан дахар, ткъа цуьнан бераша иза похIма долчу суртдиллархочо шен говзар санна исбахьа кечдинера. Заурбекана шен хилла оьгIазло Эльзин цу мIаьргонехь хийцаелира доккхачу баркаллина. Иза ехха хьоьжура Альберте а, Альбертинига. Эльза кхетара цу нохчийн шина беран васташкахь даха диссиний шен шина беран иэс. Эльзас дуьххьара ойла йира Заурбекан зудчух. Эльзина-м цуьнан цIе а ца хаьара. Маржа-яI! Ма тамашийна хилла цуьнан кхоллам. Иза хIинца а ехаш хир ю, я Эхарте йирзина хир ю ша цу буса кху къизачу дуьненна цхьаьнаэшшара ши бер кховдийна хиллий а ца хууш, шен цхьа кIант хийрачу махкахь, хийрачу зудчух нана а олуш кхуьуш вуй а ца хуьуш. Барам боцуш къа хийтира Эльзина цунах, амма иза кхетара шайн дахаран некъаш галморзах довларехь, шайх цхьаьнан а бехк ца хилар. Бехк ша дуьненан да хетта, мискачу нехан кхоллам сел къиза кагбинчун бара. Эльза кхетара цу кху гIайгIане ойланаша хIинца хIумма а хуьйцур дац, заманан урх лоцуш, иза цхьаьнга а юхаерзаелла а яц. Дала мацца хIоттийна а ша дерриге а шен метта дIахIоттош ду, цунна муьтIахь хила а еза. Кхета еза шен къаналла шийла а, цхьалха а хир юй. Цо юха а схьаийцира Манн Томасан «Иосиф а, цуьнан вежарий а» цIе йолу говзар. Кхолламан къайленаш юьйцу и жайна инжил санна деза хетара Эльзина. Цу юкъахь лелош дара цо Болатан сурт а…
III
Эльза ехха хьоьжура Болатан суьрте, цуьнан и гIайгIане сибат шена дуьххьара гуш долуш санна. Эльзас тидам а ца бира шена юххе охьалахвеллачу стеган. Цуьнга дIахьаьжначу Эльзин цхьа тамашийна дог тохаделира.
- Ас кхерий хьо? Дела доьхьа къинтIера ялалахь суна! – немцойн маттахь гIиллакхехь вистхилира цуьнга гIеметтахIоьттина боьрша стаг.
Эльза кхийтира иза немцо ца хилар. Ткъа ца хилча хIун ду? Кельнехь шортта тайпа-тайпана къаьмнаш ду дехаш. Стенна Iадийна Эльза цу стеган васта, цуьнан вистхиларо, хьажаро?
- Бехке хIумма а дац! Ойланашка яхана, тидам ца бира ас – халла йистхилира Эльза, ткъа цуьнан карахь долу сурт дегош дара…
- Хьан кIант ву иза? – хаьттира стага, суьрте а хьожуш.
- Ву! – жоп делира Эльзас, ткъа цуьнан бIаьргара охьахьаьдда хин тIадам дIабайра юьхьтIера хебаршкахь.
- Цхьа тайна хаза де ду вайна, ткъа хьо гIайгIане ю. ХIунда?
Эльза йист ца хилира.
- Суо кIорда-м войту ас! Бехк ма биллалахь, фрау… и кIант бахьанехь йоьлхуш юй хьо?
- Ю! Сагатделла сан. ЦIера ваьлла ву иза цхьаьна ханна – доцца жоп делира Эльзас.
- ХIумма а дац, са ма гатде, Делан къайленаш йист йоцуш ю…
Сурт книги юкъа дIадиллира Эльзас, ткъа оцу мIаьргонехь цунна хезира фотоаппаратан даьлла тата, ткъа юха хезаш яра хIара йолчу агIор йогIучу адамийн тобанан гIовгIа.
Шен Iасанна тIе а тевжаш, сиха хьалагIаьттира Эльза. Цунна гира зезагаш а, лаппалгаш а карахь йолуш и нах шена тIебогIуш хилар.
- Ахь хIун до? – цунна тIахье хьалагIаьттира стаг.
- Нахана новкъарло ян ца лаьа. Кхузахь цхьа даздар долчух тера ду, ас кIентан бераш схьакхойкху сайн – элира Эльзас. Амма оцу мIаьргонехь иза цхьаммо сацийра, белшаш тIе ши куьйг а дуьллуш. Ткъа адамийн тобано-м хIинцале гуо бира цуьнан.
- Альбертина! – мохь туьйхира Эльзас кIентан йоIе, сихонца кху тамашийна хиламера араяла дагахь.
- Со кхузахь ю! – жоп делира цуьнга, хетарехь кхузткъа шаре яьллачу цхьаьна тайна аматехь зудчо.
- Хьо мила ю? – цец елира Эльза.
- Со Альбертина ю. Хьо Альбертинига кхойкхуш яцара? Со хьан йоI Альбертина ю, ткъа дIо лаьттарг сан ваша ву, хьан кIант Альберт – елакъажарца зудчо пIелг хьажийра гена воцуш лаьттачу къоьжа корта болчу стагана. Цуьнан дIахIоттар а, хьажар а ма чIогIа тера дара Алексах. Хьере хилла детталора Эльзин кийрара дог, ткъа когаш тIехь латта де дацара. Минот яьллехь иза лаьтта охьаюжур яра, амма хIара дуьххьара гIатта ца юьтуш сацийначу довхачу шина куьйга ларйира охьайожарах. Иза тассаелира цу шина куьйгах. Эльзина гира цу куьйга тIехь жима волчу хенахь кагдинчу куьйзгано хадийначу Болатан куьйга тIера муо.
Иза кхоьрура юха хьажа, амма лерехь дийкира хьоме аз:
- Нана! Со цIа веъна!
Эльза кхийтира шен хьоме кIант юха веъна хиларах.
СаьIид велакъажарца юьстах велира, ткъа гена воцуш лаьтташ хилла волу и къежбелла корта болу стаг, Эльзина хьалха гор охьа а лахвелла, цуьнан хебаршка эхначу куьйгаш тIе обанаш а йохуш, воьлхура. Адамаш тIеоьхура. Уьш дукха хиллера, ткъа царех цхьаммо а ца сецадора шайн бIаьрхиш. Эльза Iаш хиллачу гIантанан гуо бира цара массара а, хIоранна а лаьара цуьнах куьйг тоха, иза марайолла. Дуьненан жоьжахатах чекхяьлла йолу иза ма сийлахь яра царна, ма хьоме яра царна. ХIинца и массо а адамаш – къена а къона а цуьнан тIаьхье яра. Вайц Алекса охьаIанийна хиллачу цу кIен буьртигийн зIийдигех кхиъна дашо кIен кенаш санна лаьттара уьш. Хеталора иза къизачу набхтешкахь доьза вайна, амма цо дина и дика, заманан йохалла, ирсечу тIаьхьенаца, цуьнан цIентIе юхадирзира.
- Дада цIа веъна! – бохуш маьхьарца дедда схьадеана Болатан ши бер шаьшинна гиначу суьрто цецдаьккхина лаьттара. Цу шинна-м ца хаьара шайна гуш ерг дийна истори хилар а, цу историн цхьа дакъа, цуьнан тIаьхье шаьшиъ хилар а.
Уьш цIа дирзира, къизачу саьлтиша шийлачу берийн цIийне кхоьссина хилла Вайц Алексан а, Эльзин а ши бер – Альберт а, Альбертина а.
И шиъ цIа деара шаьшинан тIахьенаца. Альбертан хIусамнана казашка яра, цуьнан ши бер дара, кхоъ берийн бер а. Альбертина балкхархочуьнга маре яхнера. Цуьнан кхо бер а, пхиъ берийн бер а тховса Эльзина уллохь лаьттара. Невцарий, несарий, ткъа цаьрца цхьаьна шен а, ИбрахIиман а берашца еана йолу Зарган а, СаьIидан доьзал а, Петр а, Анна а, Борис а.  И йоккха парк екош яра церан зевнечу аьзнаша. Ткъа Iадийна Эльза-м меттах яла а ца яхьаш Iаш яра. Цунна моьттура шена гуш дерг гIан ду, ткъа ша ши бIаьрг схьабоьллушшехь иза гIамаран арахь дуьхьал тессина сурт санна, дIадовр ду, ткъа хIара юха а шен къизачу ойланашца цхьалха юьссур ю. Амма шен кара охьадиллинчу Альбертан кIентан шала диначу шина беран йовхоно кхетийра Эльза гуш дерг гIан ца хилар. Иза кхийтира ша мел лайначу балана Делера ял йоцуш ша ца йиссиний…
Юьстах ваьлла лаьттачу СаьIида лазамца терго йора цу суьртан, кхуьнан нанас дена вина ваша шен кIант санна кхиийначу, хIинца букар яханчу цу йоккхачу стеган. Болата шайна тIевола аьлла куьйг ластош гина, царна тIевахара СаьIид.
- Нана, хьуна хаьий тахана хIара де ишта ирсе вайна деана хиларна, вай массо а хьанна декхарийлахь ду? Мила бахьана долуш, хьо йолчу юхадирзина хьан ши бер?
- Ца хаьа! – корта ластийра Эльзас.
- Сан воккхах волу ваша СаьIид. Оха шиммо мел дукха къахьегна ца хаьа хьуна. Ма дукха кеманаш, гIаланаш, мехкаш хийцина оха шиммо, хIара йоккха тоба хьуна тIекхачо гIерташ – велавелира Болат.
- Мичахь ву иза? Суна цкъа а гур вуй иза? – хаьттира Эльзас.
- Вай цул аттаниг дан а дац. ХIара ву-кх! Сан ваша СаьIид – вовзийтира Болата шен воккхах волу ваша.
Эльза юха а Iадийна хьоьжура СаьIидан бIаьра.  Цунна моьттура шена хьалха лаьттарг Заурбек ву, ткъа юха а дагалецамаша ядийна йигира иза нохчочо дуьххьара шен неI тоьхначу цу буса. ХIинца кхийтира иза дуьххьара СаьIид шена юххе охьалахвелча, шен дог хIунда тохаделира.
- Ма тера ву хьо хьайн дех! – и ала бен кхин ницкъ ца тоьира Эльзин, СаьIидан куьйгаш шен кераюккъехь а къуьйлуш. Ткъа иза-м дуьхьал вист ца хуьлуш лаьттара, дагчохь гулбеллачу лазамца къаьхьа къурдаш а деш.
Гена йоцуш лаьттара, СаьIида мах белла ялийна автобус. Цо дIа а кхачийра уьш массо а ишта дукха хьеший тIеэца СаьIидан хIусамнананас Мархас лаьцначу цIа.
Ткъа цIахь, кечдинчу стоьла хьалха ма шортта хIума дара церан вовшашка дийца. Болатана лиира массо а гергара нах вовше бовзийта, амма тилавелла иза, бераша беламе а айвина ша кхета гIертара массо а хьанна мила хуьлуш ву.
Ткъа Эльзина-м ИбрахIиман кIант - жима Iийса хьеста лаьара. Жима волчу хенахь Болатах мел чIогIа тера вара иза. ХIоразза а цуьнан ховхачу беснех куьйг мел туху, цунна моьттура ша кхиийначу кIентан шала вина хилла волчу вешин йовхо ю шех хьакхалуш ерг. Болата шен ненан а, Заурбекан а, ИбрахIиман а суьрташ деанера Эльзина гайта. Ма леррина хьоьжура иза Хедин сибате, ма тера хиллера цунах Болат. Болата а, Заргана а ма-дарра дийцира Эльзига  шен Даймохк ларбеш къиссам латийначу ИбрахIиман а, къизачу дуьненна жима бер кховдош дIаяханчу, Хьаван а кхалхарах лаьцна. Зарган мел ирсе яра, шен хьоме ваша юха карийча санна, цуьнца доьзна мел дерг дагна хьоме долчу цунна, сиха езаелира Вайц Эльза.
Безамах, йовхонах дуьзна нийсса кIира дIаделира. Балхахь а, некъахь а хиларна дукхачарна цIа берза дийзира, ткъа Альберта а, Альбертинас-м сацам бинера Кельн гIала даха ховша, кхин цкъа а шайн ненах дIа ца къаста а. Церан бераша а, берийн бераша а тешо йира шаьш а кху гIала юхадоьрзур ду аьлла. ХIинца кхузахь бу замано зийначу Вайц Эльзин безамах буьзна доьзалан бен.
ЗАУРБЕКАН ЙОЗАНАШ
I

«…Дуьне, Эхарт тIекIалдаккхий,
Мисир-мехах эмкал яккхий,
ТIулга тIера бахтар даккха,
Со къинтIера вер ву тIаккха
Бехк а боцуш аш мел вийнарг
Сайн теш лоцуш Къематдийнахь»
//Оспанов Къоcум//

Хьеший дIа а бахана, СаьIидан дахар шен хиллачу хорше дирзира, амма хIинца а ца кхаьчнера СаьIид ша сатийсинчу синтеме. Цо юха а схьаийцира ден ларча.
СаьIида сацам бира ша Iаль-Iазиз лаха лаьмнашка вахале шена Эльзих лаьцна кехатаца цхьаьна карийна мел хилла Заурбекан йозанаш деша. Царех цхьа дерш Заурбекан куьйга яздина дара, кхин дерш хетарехь цунна цхьаммо деанера. Цхьацца дерг оьрсийн маттахь дара, кхин дерш нохчийн а, Iаьрбойн а маттахь дара.
Цу кехаташкахь дуьне Iаддол болу нохчийн бала бара буьйцуш. СаьIида кегадора и кехаташ. Уггаре а тIехула Iуьллучу кехат тIехь Заурбекан куьйга яздина дара «Сан тIаьхьене кхайкхам». ПаргIат дIа а нисвелла, СаьIид еша волавелира.
«…Суна сайн тIаьхьене вистхила лаьа. КъинтIера довла суна дуккха а шерашкахь айса шуьх лачкъийна хилла къайле сайца коша ас дIахьош хиларна. Суна дика а, вуо а гина сайн дахарехь, советан Iедалан набахтийн жоьжахатах а чекхваьлла со, мацалла а, шело а, хьогалла а лайна ас.
Жималлехь цхьа дахаран киртиг тIеIоттаелира суна. ХIетахь ас динарг Дала суна цхьаьна а денна диц далийтина а дац. Суна ца хаьа нийса дуй те ас шуьшиъ – сан шала вина ши кIант ИбрахIим а, Болат а вовшах къасторна, Болат, хьан хийрачу махкахь, хьайн маттах, къомах, динах ваьлла кхиа дезарна, ИбрахIиман шеца цхьаьна, мохь тухуш дуьненчу ваьлла ваша вуй ца хууш, Эхарте верза дезарна. Суна ца хаьа Болат карор вуй. Амма ас хIора а ламазехь Деле доьхура иза кароре. Вайна динаца а, къомаца а хийра йолчу зудчунна дIавелира ас сайн кIант, хIунда аьлча цуьнан цIийндас шена хийра долу къам бахьнехь шен дахар ца кхоорна, шен доьзалан кхоллам цо кагбарна. Суна дагадогIу цо лерина харцийначу машенчуьра Iанаделла кIа. Суна дагадогIу -  и кIа бахьана долуш, тхо мацалла ца далар а. Суна дагадогIу оха и кIа лахьош, некъан йисте охьа а лахвелла, ша диначу диканах воккхавеш, цо тхо муха тергал дора.
Цо хIуммаъ ойла ца еш, нохчийн къам бахьнехь дIаделира шен са, ткъа ас дIаделира сайн бер. Сайна хиллачу диканна дуьхьал баркаллина велла вацара ас цуьнан зудчунна кIант, ас иза вайн къам бахьнехь динера. Со теша, заманан йохалла сан бераш а, берийн бераш а соьх кхетар ду. Со теша, мацца кхаьчна а Болат Даймахка цIа а кхаьчна, доIа деш, сан коше хIуттур ву. Со теша, иза ша дуьненчу ваьллачу мIаьргонехь ас шега дина дехара кхочуш деш,  болат санна чIогIа хир ву. Со теша, Вайц Эльзин дикаллех, цо мацца аьлла а цуьнга иза чIинхо тайпанера нохчо ву аьлла дIаэр хиларах. Со теша кхолламах, со теша Делан диканах а, сайн тIаьхье соьх кхетар хиларах а ...»
СаьIида цхьаъ цхьанна тIаьхьа доьшура и йозанаш, амма уггаре а чIогIа цуьнан тидам тIеберзийра цхьаьна дийцаро, хIунда аьлча цигахь юха а коьрта турпалхо Нохчийн Нана яра. Цуьнан доьналлас юха а цецваьккхинера иза, шен кIентан докъан метта, нехан кIант орачуьра хьалаваьккхина хиллачу Зарас цкъа ша цецваьккхина ма хиллара. Зарас ша динарг шен доьзале дуьйцучу хенахь, СаьIидана моьттура, дуьнен чохь ша кхин цецваккха хIумма а диссина дац, амма йист йоцуш хилла-кх нохчийн нанойн сийлалла. Цундела ларамза дац доьналла долчу зударша къонахий дуьненна кховдош хилар.
«…Иза нохчийн шолгIачу тIеман хьалхара гуьйре яра. Соьлжанан дукътIехьара хIаваъ а дара адаман лазамах ийна. Соьлжа-ГIалина гена йоцучу жимачу юьртана хIора дийнахь тIеетташ минометаш а, яьккхий тоьпаш а яра. Юьртан бахархой цу тIеман кIурлахь биссинера, хIунда аьлча Соьлжа-ГIалина тIе мел кхеташ ерг, царна тIехула а яьлла бен тIекхеташ яцара. Уггаре а бехке-м меттигера ишкол хиллера. ГIишлон кхоалгIа гIатт ерриге а чуяхьнера, ткъа цу сарахь меттигера электрика бахьанаш лелийна, аккумулятор латийна телевизор хьалха гулбеллачу бахархошна хезира оьрсийн журналисташа Соьлжа-ГIалин гена йоцуш тIемалойн база йохийна бохуш дуьйцуш, ткъа и база-м кхеран миска ишкол яра.

ХIора а де, Къемата де санна догIура, ткъа кхел еш-м адамийн сибатах боьхна, къизалло бахийна, оьрсийн эскархой бара. Бераш къар ца луш, ишколе оьхура. ХIора а Iуьйранна, юьртан доьхначу некъашкахь гучуйолура церан могIа. Букъа тIехьа кхозуш портфелаш хуьлура церан, ткъа карахь цхьацца гIант хуьлура цIера дахьа дезаш, хIунда аьлча йохийначу ишколехь охьахаьа гIант дацара, ткъа цIера деана гIант буса цигахь дита кхераме дара – хьанна хаьа юха а тIе герз детта долор дуй. Юхьанцара классаш доьшуш яцара. Кхераме дара кегий бераш школе дахийта, цул совнаха цаьрга гIанташ а текхалур дацара. Ткъа лаккхара классийн дешархой-м къар луш бацара. ХIора дийнахь арабовлура уьш цу доьхначу дуьненахь Iилма лаха, ткъа буьйсанаш-м шийлачу тоьланашкахь яха езаш хуьлура. ХIора а дийнахь кхетара юьртан бахархой кхолладделла хьал диканна доций. Зударийн маьхьарий, берийн делхар, маьршачу адамийн Iенина цIий, ткъа юха шийла кхаъ кхечира юьрта – мостагIаша гуо лаьцна. Меттигера лор Саймат ларош яцара лазийначарна тIекхача.  Шен ницкъ кхочург дан гIертара иза юьртхойн чевнаш жимма а ерзо. Молханаш дацара, гIирс бацара, амма хIете а, туьхах шовра а кечъеш, нахана тIекхача хьожура Саймат. ТIаьхьарчу хенахь, хала дара цунна гIаш лела – Саймат доьзалхочух яра.
- Саймат! Саймат! ДангаевгIаьрна тIекхача сихонца, Румиса коьртах чов хилла лазийна ю! – кисех катоьхна араиккхира зуда. Кхетара иза коьртах дIаьндарг кхеттачу йоьIана шен дан гIо хир доций, амма хIете а даго ца юьтура-кх. ГIаш бен дIасалела йиш яцара юьртахь. Шен ма хуьллу сиха ког баккха гIертара Саймат, ткъа бIаьргаш хьалха-м лаьттара ДангаевгIеран цхьаъ бен йоцучу, вуьрхIитта шо кхаьчначу йоьIан и къона сибат. Са кхачийна церан уьйтIа кхечира Саймат, амма кийра ша биллира кертара схьахезачу йесанан  мукъама.
- Ва Дела! ХIунда ца кхечи со цунна тIе? – къаьхьачу къурдашца керта елира Саймат. Акха дIаса а хьоьжуш лаьттара йоьIан нана. Хетарехь, иза хIинца а буьззину барамехь кхеташ а яцара шен керта деънарг мел доккха а, къаьхьа а вуо ду.
- Делан доьхьа, къинтIера ялалахь суна, со ца кхиаярна – Саймат маракхийтира зудчунна. Ишта дIаоьхура деа беран ненан дахаран денош. ХIинца-м пхи бер дара Саймата тIехь да воцуш кога хIотто дезаш – масех бутт хьалха гIалара цIа вогIучу хенахь тIепаза вайнера цуьнан хIусамда. 
ХIора а дийнахь догIа санна тIедетташ дара юьртана минометан герз. Ткъа сийна стигла-м этIош яра Соьлжа-ГIалина тIе бомбанаш етта сацанза дIаоьхучу кеманаша. Яа хIума, хи, дечиг кхачош дара. Юххехь хьун яцара, цундела кертийн бошмашкара массо а стоьмийн дитт хадийна даьллера, ишколан кертахь цхьа ши-кхо акхтарг диссинера. ХIара жима юрт шерачу арахь Iуьллура, цунна уллохь я лам бацара, я хьаннийн хотеш а яцара, цундела кхузахь лечкъаш тIемалой хир бу бохург беламе дара. Цундела бахархоша сацам бира кхайкхаза баьхкинчу хьешашна  тIе а бахана, хатта мукъне а хатта, шайгара хIун даьлла, сел къиза таIзар дан? Амма эскархой дагахь бацара цаьрца къамелаш дан. Дуьйцучуьнга ла а ца дугIуш, тIе герз детта долийра.
- Вай тхо маьрша адамаш ма ду! Ла мукъне догIа тхоьга – мохь туьйхира цхьаьна воккхачу стага.
- Ахча! Герз! Деши! ТIаккха дуьйцур ду вай! – кIоршаме тIечевхира цунна яй санна боккха корта болчу цхьа эскархо.
- Яа хIума а йоцуш Iаш долчу вайна мичахь карор ду герзий, деший – гIайгIане ойла йора бахархоша. КIира хан елира церан, туьйранера саьрмик санна юьртана йисте охьахиъна йолу саьлтийн рота цхьа жимма мукъне а кIадъян «совгIаташ» лоьхуш. Таллархойн ши топ а, масех дашо чIуг а, ишта юучух хIума – хIинца коьрта Iалашо яра иза эскархошна дIа а кхачийна, юрт хIаллак ца яйтар.
Барт бан дIахьажийнера юьрт-да Идрис а, къано Iалавди а, меттигера яхархо дуккха а шерашкахь медйишин болх бина хилла йолу оьрсийн йоккха стаг Таня а, иштта юьртан моллин кIант Ахьмад а. Шен къена да цига вахийта ца туьгуш, ша вахара Ахьмад.
Ткъа кегийчу нехан тоба юьстах яьлла лаьттара къамел чекхдаллалц.
Кхерамца тIебахара нах эскархошна. Юха а тоьпан татанца тIелецира уьш эскархоша. Церан цIийеллачу, кхохкийначу яьххьаш тIе хьаьжча гуш дара уьш мелла хилар. Къамел дIагIур долчух тера дацара гуш долу хьал.
- ХIан! ДIаэца! Тхайн вовшахтоха аьтто баьлларг яхьаш даьхкина тхо – ларлуш дIакховдийра Iалавдис ларча.
- Тхо маьрша адамаш ду… хIара юрт кераюккъехь санна бIаьрг тоьхча гуш ю, тIемалой кхузахь бац – долийра шен къамел юьрт-дас Идриса.
Федерала катоьхна ларча схьа а оьцуш, ластийна дIакхоьссира иза.
- КIезиг! КIезиг еана, боьха бандиташ! – гуш лаьтташшехь хьерволуш вара эскархо.
- Тхо бандиташ дац! Тхо маьрша адамаш ду, цхьанна а зен-зулам дина а дац тхайн дахарехь. Шуна тхан юьртара цкъа мукъне а топ кхуссуш а хезна дац. Ма хIаллак йе тхан юрт, доьху шуьга! Адамаш ма ду вай массо а! Цхьа барт балур бац те вайга? – дийхира саьлтишка Iалавдис.
- Хьан бах шу адамаш ду?! Шу адамаш хьанна хета? Шу массо а хIаллак дай дIадаха аьлла омра ду тхуна тIедиллина, иза оха кхочуш а дийр ду. Хьо ма чIогIа къамеле яьлла, къена гужам! – эскархочо тIекхетта шен ницкъ ма-ббу букъа тIехьа саттийра воккхачу стеган куьйг.
- Ма! – воккхачу стагана ницкъ беш ла ца делла, тIекхийтира эскархочунна Ахьмад, амма оцу мIаьргонехь букъа тIехьара кхеттачу герза вожийра иза, ткъа шийлачу гуьйренан лаьтта охьахьаьдира бехк боцуш Iанийначу цуьнан цIийн Iовраш.
Iалавдин коьртара холхаза куй лаьтта охьабуьйжира. Эскархочо дIахоьцуш дацара цуьнан куьйг. Воккха стаг шалха кхетта лаьттара, амма цуьнан кийрара ларамза а цхьа узар ца белира. И куьйг кхин дIа ца хоьцуш, ластийна юьхь тIе тIара туьйхира Iалавдина саьлтичо. Воккха стаг вийна Iуьллучу Ахьмадана юххе охьавуьйжира. Цуьна кIайчу мажана юкъахь сецнера марачуьра охьаоьху цIийн тIадамаш. Халла Ахьмад волчу агIор куьйг дIа а кховдийна, цуьнан цIийх юьзначу юьхь тIе шен куьйг а хьоькхуш, дегочу балдашца йеса деша гIертара вокка стаг.
Гена йоцуш, латта йиссина тоба-м тоьпан татанаш хеззашшехь кхийтира, цхьаьнакхетаран тIаьхьало ирча юй. Уьш меллаша тIебахара, амма хIаваэ кхоьссинчу тоьпо юха а совцийра.
- Дийна верг дIавига, веллачуна цхьа гIулч а улло гIортахь, гуттаренна а цунна юххехь дуьссур ду шу. Кхеттий шу? – мохь туьйхира цхьаьна ургIала, ткъа юха къиза мира тухуш, дехьа карчийра Ахьмадан дакъа. Идрис Iадийна дIасахьоьжура. ХIара юьрт-да ву. Юьртхошка хIун эр ду кхо? ХIун эр ду Ахьмадан къеначу дега, цуьнан жимачу пхеа бере. Муха ала деза цаьрга Ахьмадан дакъа кхуза охьакхоьссина а дитина ша дийна цIа веъна? Ткъа цу мIаьргонехь цуьнан ойланийн зIе хадош, шийла мохь белира.
Эскархочун когех маьхарца тийссалора Таня.
- Ва кIант! Со оьрсийн нана ма ю! Дела доьхьа пурба ло тхуна и дакъа дIадахьа…хьайн ненан доьхьа! Со санна йолчу цхьаьна оьрсийн нанас вина ма вара хьо.  Дагалацахьа цуьнан амат! Хьо ца тешахь хIара жаIар ду хьуна – зуда четтара схьаьдаьккхина, жима жаIар гайта гIертара эскархочунна.
- ДIадала суна хьалхара, къена зуд! – цхьа мира тоьхна кхоьссина дIаяхийтира эскархочо къена оьрси.
Дан хIума дацара… дIадаха деза. Массо а цхьаьнаэшшара лойла ма дац. Воккха стаг Iалавди карахь дIахьош вара, халла когаш текхош догIура Идрис а, Таня а. Гучуелира къоначу хьуьнан асано гуо лаьцна кешнийн жима керт.
- Ирс яI шун! – доккха са даьккхира Идриса.
Дикане болу тIаьххьара сатийсам пешара алу санна бовш лаьттара. ХIинца массо а кхетара кхин эскархой болчу ваха цхьа а ваьхьар вац, я вахча а хуьлуш гIуллакх а дац, ткъа нийсса кIира далале, шийла кхаъ беара юьрта – лахьанан беттан иттолгIачу дийнахь юрт дIашарйийр ю. Ишта сацам бина эскархоша.
Диссинарг ши де бен дацара. Меттигера вахархо Дагаш шен бешахь тIаьххьара белхаш чекхдохуш вара. Хеталора, хIара юрт отучу эскаран а ницкъ бац Дагашан бешара дахар сацо. Университетехь физически культурин хьехархочун болх бина вара иза дуккха а шерашкахь, ткъа хIинца пенси а вахана, садоIуш вара. Шен дахаран хIора а де дIалора цо беш кхиорна. Юьртхошна а дIасадоькъура къона синтарш.
- Тамашийна стаг ву и Дагаш – олура бахархоша, лей-дуьссий ца хууш, Iаш долу, хIара беш югIуш ву.
Гуьйренан можачу басарша кечйиначу шен бешан хазаллех бIаьрг буьзна лаьттара иза хIинца а. Цо ховха куьйг хьаькхира бIаран диттан стомачу гIадах:
- Iа дика йойла хьан, сан къена доттагI! Хьоьх тешна юьту хьуна ас хIара беш. Ледар ма хилалахь…
Дагашана хаьара, тахана юьртхой делкъ ламазана маьждигехь гуллуш буй.
Ламаз дIадерзийча, дош дийхира Дагаша:
- ИттолгIачохь, Iуьйранна со гIур ву царна тIе суо. Сайн ма-хуьллу деха хьожур ву со цаьрга. Юьртхой, хууш, ца хууш, ас шайна вас йинехь къинтIера довла суна.
Ма лазаме дара Дагашан дешнаш. ХIун далур ду цхьаьна цуьнга къизалло бахийна, хьере хиллачу, аккхаройн кепе бирзинчу эскархошна хьалха.
- Собар дехьа, Дагаш!
- Сих ма ло…массара а цхьаьна цхьа сацам бийр бу вай. 
Дагаш вист ца хуьлуш ара велира, ткъа жимма соцунгIа а еш, юха хьаьжна, меллаша вист хилира:
- Цхьа дехара дара сан шуьга. Нагахь санна со вехь а, царна тIе ца оьхуш ма Iелаш, дехалаш, шайн хирг делаш, ма хIаллак яйталаш вайн юрт.
Сарахь, меттигера больнице баьхкинчу зударша дийцира Саймате Дагаша биначу сацамах лаьцна. Сарахь цIа йоьдуш, Саймат Дагаш вехачу ураме яхара. Шуьйрачу кучах а хьерчаш, эхь хеташ, цуьнан неI туьйхира цо:
- Хьо кхана царна тIевоьдуш ву аьлла хезна суна. Цхьаьна гIур ду вайшиъ. Iуьйранна кешнаш долчохь, некъо гола тухучохь гур ду вай.
- Саймат, ахь хIун дуьйцу! Хьо муха гIур ю цига? – цуьнгара хьал хуу Дагаш, мелла а воьхнера.
- Со декхарийлахь ю! Со, лор ю! – доцца жоп делира Саймата.
Еха буьйса дIаелира цуьнан, доьазза Хьажин ЦIа ваханчу дас Iамийна сийлахь деза аяташ кехата тIе яздеш. Шен дерриге а дегIах и аяташ а хьарчийна, Iуьйренан ламаз а дина, кечъеллера Саймат, ша юха бохьур буй ца хуу некъ бан араяла. ХIара стенга йоьду шена хууш санна, кийрахь тохаделира бер, ткъа важа диъ цхьаъ цхьанна тIаьхьа сама а даьлла, хеттарш луш дара.
- Нана!
- Нана! Хьо цIа маца йогIура ю? 
- Ца хаьа суна! Бабас аьлларг делаш – элира Саймата. Иза ехха хьаьжира шен къеначу марненан бIаьра. Дог урс Iоьттича санна лазаделира.
- Маржа яI! ХIун дийр ду те ахь цу буоберашна? – ойла кхоллаелира цуьнан коьртахь, амма кху юьртан лей-дуьссий ца хуу бIеннаш бераш дага а лаьцна, сатедира шен Саймата!
-БисмиллахIиррохьманниррохьим! Дела, хьоьх тешна ю-кх со! – меллаша ков доьллуш, араелира Саймат.
Гуьйренан Iуьйре екхна яра. Буса къоьжа йис тессинера, ткъа Iуьйранна-м малх кхетта, йохъелира. Дагаш билгалйиначу меттиге хьоьжуш вара цуьнга. Хийла кхеран юьртхоша бала лайначу сизе кхечира уьш. Юха а цIийелла яьххьаш, нохчийн цIийх хIинца а Iабанза и ирча сибаташ, ма кIоршаме хьуьссура уьш.
- Оха тIаьххьара доьху шуьга! Ма хIаллак яйша тхан юрт – долийра шен къамел Дагаша.
- Адам ишта а леш ду! Цхьа а молха дац, чов дIаехка киса а дац – тIетайра цунна Саймат.
 - Вай! Хьо и гай а текхош ца еана кхуза? – цхьа боьха велакъажарца зудчунна тIеволавелира эскархо.
- Со эпсаран зуда а ю, суо лор а ю! Ма де соьца и боьха къамел! – зудчун къора аз декара Iуьйренан тийналлехь.
- Хала хийти хьуна?! Ян езаш хиллера-кх тIаккха! – тIеволавелира цунна шолгIаниг.
- Iадйита иза! Иза лор ю! Цо хийла стаг лечуьра ваьккхина – вистхилира Дагаш.
- Йита а мега, нагахь санна ахь дикка дехахь, масала тхуна хьалха гора а хIоьттина! – къахь-къахь бохуш самукъадаьлла воьлура эскархо.
- ДIавала, уьш чIогIа кура ма бу! – ца вешаш, велавелира шолгIаниг.
- Кура бу буй? Дер хIинца вайна хуур ма ду. Шиа хIуттур ду гора и юрт оха хIинца дIахьакха шайна ца лаахь, кху шинца цхьаьна.
- Гора хIотта! – мохь оьхура эскархочуьнга, ткъа цуьнан боьхаллехь дуьзна бIаьргаш Саймате хьоьжура.
Зуда-м йоьхна дIасахьоьжура. Цхьа шатайпа тийналла йоьссира гонаха!
-Ас тIаьххьара хоьтту шуьга! Ма кхачаде сан собар! – Iоьхура адамийн кепехь долу и къиза дийнат. 
- Со хIуттур ву гора! Иза хIуттур яц! Со хIуттур ву, амма хIуттур вац, сайн дахар бахьнехь-м! И нохчийн нана бахьнехь, сайн юрт бахьнехь, цу юьртара зударий, баккхий нах, бераш бахьнехь, сайн тайп, сайн латта бахьанехь – дозаллица корта айбина элира Дагаша, ткъа юха нохчийн маттахь Саймате вистхилира:
- Саймат! Хьо нана ю! Нанна хьалха гора хIоттар эхь хилла дац нохчочунна. Со мостагIашна хьалха хIуттуш вац хьуна гора, со АллахIана хьалха, нохчийн нанна хьалха хIуттуш ву хьуна! Со вийна, ткъа хьо дийна йиссахь, юьртхошка ишта дIаалалахь. Цу дешнашца Дагаш оьрсийн эскархошна хьалха гора хIоьттира, ткъа цуьнан къоьжа корта гуьйренан тIедачу лаьттах хьакхалуш бара.
Цу мIаьргонехь шен дерриге а дахар бIаьргаш хьалха листира цунна самаделлачу иэса. Казахийн неI ца тоха лайна мацалла, яьхь дIа ца яла хийла шел ницкъ болчух тийссавалар. Сийсаза варий-те и тахана? Вацара! Шен дахар бахьанехь ма ца хIоьттинера иза гора! Нохчийн ненан сий, нохчийн бераш, зударий, баккхий нах бахьанехь ма хIоьттинера иза. Дуьненахь а, Эхартахь а сийсаза хир бу шайн кийрахь адамалла хIаллак хилла, нехан махкахь зулам даржош берш…
- Я АллахI Везан Дела! ХIора дийнахь пхоьазза хьуна хьалха гора хIутту со ламазехь. Тховса со Хьуна суджудехь ву хьуна, со мостагIашна хьалха гора хIоьттина вац хьуна! Ас доьху Хьоьга, тхан Даймахкана, тхан сийна, тхан синошна тIекхийдачарна Хьайн кхел ехьа. Кху дерриге а маьлхан дуьнена царна букъ тухур болчу дийне ваккхахьа со! Хилийтахь уьш сийсаза, доссадехьа церан кортошка дуьненан неIалт! – нохчийн маттахь шабар-шибарца Деле доьхура Дагаша…
Ткъа эскархо-м гIадвахана лаьттара. Нохчо гора хIоттар – муьлха а оьрсийн саьлтичун уггаре а боккха лаам.
- ХIун бур-бур деш ву хьо цигахь? – ког туьйхира саьлтичо Дагашан коьртах.
- Къинхетам боьхуш ву иза – жоп делира Саймата…
Кестта цхьайтта сахьт дер ду. Юрт-м Iадийнера хин дерг ца хууш. Ткъа юха шийла тийналла йохош хезира берийн ирсе маьхьарий:
- Уьш цIехьа богIуш бу! Уьш дийна бу! Вай кIелахьарадевлла!
Дагаш а, Саймат юрта цIа догIуш дара. Макхеллачу яххьашца, адамаллин доьналла гайтина, меллаша догIура и шиъ хьомечу юьртан урамашкахула.
Деган йовхонца хьоьжура Дагаш некъан йистошкахула ша дIадийна хиллачу синтаршка. Гуьйренан мажделла гIа охьа а лоьгуш, лаьттара уьш. Цунна моьттура шега хIора а дитт маршаллица корта теIош ду, ша тховса динарг къобалдеш санна.

Ша масех сахьт хьалха мостагIашна хьалха охьабахийтина хилла корта хIинца дозаллица айбина, цIехьа вогIура иза, ткъа цунна тIаьхьа, муьлха а къонахчуьнгахь а тховса атта карор доцу, доьналла шегахь карийна Саймат а йогIура. Кийрахь бер а долуш, чохь тIехь да воцуш диъ бер а долуш, шен юьртан доьхьа са ца кхоош араяьллера иза цу кхераме новкъа.
Дагаш оьрсийн эскархошна хьалха гора хIоьттина аьлла хаам ма сиха баьржира юьртахь. Нохчочо атта дийр долуш хIума ма дац, иза, ткъа Дагаш кIилло воций а ма хаьара юьртхошна. Кхетара уьш шен доьхьа ца хIоьттиний.
Ткъа дахаро-м шен болар сацош дацара. Цу беттан чаккхенехь Саймата кIант вира. Жимачу Асхьабана хIинца а ца хаьара, ша дуьненчу а валале, шен юьртана орцах ваьлла хиллий…»
Дог тIекIалдоккхучу цу йозанна бухахь, Заурбекан кхин цхьа кхайкхам бара махкахошка:
- Варийлаш, махкахой! Цкъа а диц ма делаш Дагашана тIехIоьттина и де. И вайна массарна а тIехIоьттина дара шуна. И вайн массеран а лазам бу шуна! Диц ма делаш!
И йозанаш юьстах а даьхна, кхин дIа ларча талла волавелира СаьIид шен тIадийна бIаьргаш дакъош. Кхузахь Заурбекан КъорIан а, суьлхьанаш а, шаьлта а, дато доьхка а дара. Кхуззахь Iуьллуш дара цкъа мацах ИбрахIима декъна хилла дато сом а. Цу соьман и ши ах Исламера а, Iийсагара а СаьIида схьаэцнера.
Цо дукха ойла йира хIун дича бакъахьа дара те цу дерригенах а. Заурбекан къайле чекхяьлла. ХIинца кхин оьшуш дац хIара ларча латто. ХIора а къайленан, кху дахарехь кхин мел долчун санна шен хан ю. СаьIида сацам бира шаьлта а, дато доьхка а Болатана дIадала, къаьсттина цуьнан доьзалехь бехаш хилийта Заурбекан а, нохчийн къоман а ницкъ. КъорIан а, суьлхьанаш а ИбрахIиман жимох волчу кIантана Iийсана дIадиллира СаьIида. Шен да а, нана къиза дийначу буса дуьненчу ваьллачу цуьнан ийман чIогIа хилийта. Ден йозанаш СаьIида шена дита сацам бира, хIунда аьлча иза нохчийн шина тIеман дийнна истори яра, ма-ярра талла езаш. Ткъа юха цуьнан тидам тIебахара декъна Iуьллучу даточу соьмана. Цабезаман, къаьхаллин цхьа тамашийна синхаамо дIалецира цуьнан кийра.
Цо соьман цхьа дакъа кара ийцира, ткъа юха куьйг дагийча санна сиха охьакхоьссира, хIунда аьлча къаьсттина иза хила ма тарлора кхеран дахар сел къиза а, кIоршаме а тIекIалдаьккхинчу боьхачу хIуманан кочахь. Цу соьмо ирсах вохийнера кхуьнан ваша, ткъа иза хIинца кхеран доьзална тIеIоттаеллачу цу ирча киртиган къаьхьа дагалецам санна Iуьллу, цундела СаьIидан лаамца кхана цу соьман шиа дакъа Рейн ахканан сийначу тулгIенашкахь довр ду…





Акаев ИсмаIал, 2001-чу шеран октябрь.