Сказка о сказке

Ваха Докаев
Туьйранахь туьйра



Б1ьасте г1еметтах1оьттина хан яра иза. Берзан ков (волчьи
ворота) олучу нартолна т1екхачале, голатуххучохь севцира тхан машенаш. Аьтту
аг1орхьа хьалахьаьвзаш бара некъ. Аьрру аг1ор д1айолалора хьун. Цхьа нилха-а
хьун яра иза, малхбалехьарчу хьаннех тера йоцуш. Дитташ дацара цигарчех тера
зоьртала а, стаммий а. Цигашхула яра тхан 1алашо а. Хьун йолчухьа д1ахьаьжча,
гушдерг кхин 1аламан башхалла а дера яцара. Кхин а йоккха исбаьхьалла ган
лерина арадевллачу тхуна, я иза иштта горехь а. Некъ боккхуш д1атеттинчу чалхо
г1еххьа ницкъ хуьлуьйтур болуш дара некъ боло, тхо санна болчарна-м х1етте а. Хьунна
юьххьехь дог1анаш шайн уьншарахь дуьйна гуллуш оьхьаоьхучу хат1ца даькккхина
саьнгара кхин т1е а к1аргдинера некъбаккхархоша д1агулбинчу барзо. Борзана
т1ехьа лаьттачу б1ешерийн хьуьнан ламасташца бог1уш бацара и кхузаманахьлера
хийцамаш. Делахь а заман йорт сецалур яц мел къармазе лаьмнашка а. Ширалла эшо
х1ара санна атта зама еъна а яц. Ширачех диснарг деккъа цхьа 1алам дара, х1инца
цуьнан а накха баьстина, дега юккъе кхаьчна. Цуьнан ц1ийх лела шовданаш,
ахканаш ду кхузаш оцу нуьцкъалчу г1ирсаша хедош дерш.

Тхо х1окху тхайна хьалха лаьттачу суьртах дола кхиале,
«х1ах1» аьлла саьнгарна чутилира тха баьчча. Хьалхаваьлла воьдург Хизар вара.
Кху махкахь цуьнца хьалхе къийса да вацара. Некъан амал эцначул т1аьхьа, лар
лаьцначул т1аьхьа, ша ижунна хьожакхетта берзал башха, шен арданге кхи
юхахьежар доцуш, 1алашонна т1аьхьахьаьлхара иза. Кху акхачу 1аламана чуволале, беран
велакъежарца, эсалчу б1аьргашца хьоьга хьаьжнехь а, амма кхузахь цуьнан хьуна
къежар берзан къежар дара. Ч1е1амашна, латкъамашна къинхетаме жоп хир долуш
дацара, некъах цхьа йист яллалца. Саьнгар хададарцана цхьаьна, некъан тача
лецира Хизара. Иза шен ц1а кхаьчнера. Эццехь д1аболалушберг цуьнан бал бара. Цуьнан
лорах доьлхучу тхан а, цуьнан а деган ч1аг1о бен-бен яра, ойланашкахь мелла а
сонталла къийлахь а. Тхан партала синош, бодделла дог1маш, басех чу а диссина,
некъан тачан берте хьала а г1ортале, хьуьхдоьллера. Делахь а, тхьамданца йолчу
йохьанна а, д1аяста йиллинчу къайленна а, тхо керлачу г1ораца деган хьер
хьовзуьйтуш, некъан тачан т1е девлира. Ишштий бен лалур дацара тхоьга тхайга
т1аьхьа дог1ун дерг. Кхузахь цхьана басех хьалавола ма велли, хаьа хьуна
х1иццалца хьайх мел моьттинарг бакъ ца хиллийла. Хьан б1аьрго хьан дег1 1ехо
меттиг ю лаьмнаш. Б1аьрго улле а далийна, хьан дог хьистинчу суьрто, кхано, хьо
цунна т1е а кхаьчна, хьо юхахьаьжча, кхуза кхачале хьуна хиллачу ницкъано хьан
дог делхадо. Х1оразза а и де тхайга догг1ушехь, кху лаьмнех 1абах ца 1еба.
Цуьнан а хир ю-кха шен цхьа къайле, муьххачу а безаман ма хиллара. Шен безаман
т1евоьду стаг халонаш ца лоьруш. Изза ду оха лелораг а. «Аш х1ун леладо
цигашхула д1аоьхуш» аьлла, хаьттича, «тхайн безаман доьхьа лела» ала ца хууш,
дукха къамелан хьийзораш йо. Нах кхето г1ерта. Хьан дагаца х1ума дустуш воцург,
хьох кхетар вац.

Хьо 1ехо хаьа кху лаьмнашна. П1елг луьйзуш хьо д1авоьху.
Т1аккха д1а ца хоьцу. Хаьа царна, шайн 1аьнарех ахь 1аь тоьхнехь, хьо даиманна
а шайн долахь вуйла, ахь шайна лолла дийр дуйла. Безаман олаллина к1ела сецна
вахар доккха ирс ду. Ткъа оцу лаьмнийн хьоьгахьа болу безам ша кепара бу. Цкъа
а ширлуш, худалуш, ямарта хуьлуш бац. Терзанца озалуш, барамца бусталуш бац.
Т1аккха иза мел бу хуур дара. И цахаар ду кхара хьо 1ехавар. Шайн
чаккхензаллица шаьш к1орда ца дойту. Безамгахь коьртаниг и ду. Даима а хьо шех
хьегийтар.

«Шуна яйна йоцу исбаьхьалла гойтур ю ас шуна», аьлла, захалу
дара тхан Хизарца дийцина. Дуьнен 1аламан туьйра ду шуна иза, элира цо.
Туьйранан васташ, басарш хьайн луъучу кепара хаза-ирча кхолла таро ю-кха хьан. Цо
«туьйра» аьлча, сан туьйранахь кхолладелларг ч1ог1а башха сурт дара. Сайна ган
а, нахе эхьа а ма дезара сан иза. Нахана хьалха дан дозалла хиларал доккха х1ун
ду адамана оьшург?

Сан б1ьргана баьццара бос бен кхин ган а гой те аьлла цхьа
бос эцнера 1аламо. Делахь а некъан тача вон къаьсташ дацара. Цкъа хьийна,
батийна некъ экхано а ца буьту бацалахь къайлабала.

Ас даима а кху аг1орхьа тидамбийриг тийналла ю. Кхин
цхьанхьа а хир юй-те оцу кепара? Ша коша виллича санна, хьайн лерг-хьехахь
хезаш долу зов доцург кхин хезаш х1ума доцуш. Хезехь адамаш дацахьара, хьо
1адийна стаг хеталур волуш, оццул тамашийна тийналла ю иза.

Уггуре мерза къамелаш кху 1аламан кийрахь новкъа воьдуш
дийриш ду. Оцу адамийн амална тхо а ямарт ца хилира. Тхан хабарш юкъадуьйлира
оцу б1ешерийн тийналлина. Ехха цхьа т1ийриг йина дог1уш дара тхо. Тхуна юкъ-юккъехь
херонаш тайп-тайпана яра. Пхиъ-итт-пхийтта метре кхочура. Тхан тобанан б1аьхоша
къуьйсург шолг1а меттиг яра. Нийсса Хизарна к1ажжехь ерг. Наг-наггахь юхахьожий
цхьацца хабара доладола цо кху меттигашх лаьцна. Цуьнга ладог1а хьаьгна хуьлура
шавериг а. Т1аккха дан хеттарш кхоллалора. Цо шен дийцар ца долийнехь тхуна
х1уьттун доцу хаттарш х1уьттура.

Хеттарш дукха хьолахь ширачух лаьцна керлачара кхуллуш ду.
Ширанаш, хилла-лаьлларш хезаш дацарахьара, ц1ена иэс дайна хьайбанех тарлурдара
адам. Иза ду Дала тохар. Шен хьалха дерг бен гуш ца хилар. Юха хьаьжина, шен
боларна хьесабдеш ца хилар. Хьайна хьайх адам хуьлийла лаахь, цкъа мацца а
хилла адамашка хьажа, церан ларш талла, церан дахар адамаллин терзан т1ехь оза.

Хизара мел олург самукъане дара тхуна. Туьйранахь туьйране
ладог1а кечделла тхо а дара. Цуьнгахь долчу кху меттигех лаьцна хааршца дуьстича,
тхо мотт 1аманза бераш дара. Тхайна юьйцу а ца хезна меттигаш ган даьхкинчу оха,
лергаш ирдина, багош акъйина, д1ахудура х1ора дош . Цо и исбаьхьалла юьйцуш
олучу х1ора дашанна тоьшалла дора оха хьалха д1а мел йоккхучу г1улчо. Хьайна
гуш дерг г1ан дуйла а хууш, иза дукха т1ех хаза хиларна самавала ца лууш
хуьлу-кх цхьадолу г1ан. Иза-м екккъа цхьа моттарг1а бен яц. Ткъа тхайнаг-м
декхалур долуш самах г1ан дара.

Нийсса ломан гай т1ехула доьлхура тхо. Малхбалехьа боьдура
некъ. Малх г1ушлакхе болу хан йолу дела хааьра тхуна иза. Маьлхан з1аьнарш
тхуна юьхьдоьхьала етталора серагех чекхъюьйлуш. З1аьнарийн асанаша цецех йохуш
охьа1енаш санна д1алаьцнера гонахара 1алам. Малхо тхо шега кхойкхуш
схьакхийдадо серлонан куьйгаш дара уьш, г1абалин т1амарш санна.

Цкъацца, цхьайолчу меттигашкахь йовра некъан тача. Бехкениг зама
а, 1алам а дара. 1алам а ма дац цхьана меттехь лаьтташ. Х1ора денна хиламашкахь
иза а ма ду. Ткъа цуьнан хиламаш цхьан меттехь готийсар ду, адам шена юкъаг1ортталца.
Адамо итт шераш д1ахудучохь, б1е шерашкахь лоьру цо шен раж. Терахьаш башха
оццул хьесабе а ца лоьцу цо. Б1е шарна вала а велла, кхузахь юха г1аттийнарг,
ша х1ицца вижинчуьра г1аьттина хетар долуш партала ду цуьнан болар. Кхузахь адамийн
дахар дехха сецна лаьттина, адамийн дахарх лела 1алам а шен бераллехь дисина.

Яздинарг Ибрах1им Абу 1абдуллах1 Теси