Берийн х1инцалерачу литературех. Азман Джабраилова

Литературный Клуб Даймохк
Бераш – вайн  токхе тахане а, сирла кхане а ю, нагахь церан  дахаран хьелаш кхиорна, церан дахар талларна оьшшучу  барамехь тидам т1ебахийтина къахьоьгуш белахь. Оцу 1алашонца берийн тахане къаго схьайиллина дуккха а самукъне меттигаш ю вайн махкахь:паркаш,аквапаркаш; кхетам самабаккха, уьш г1иллакхе кхио къахьоьгуш дуккха а хьехархой, кхиорхой а бу берийн бошмашкахь, ишколан хьукматашкахь. Иштта берашна лерина йазйеш цхьа мог1а йаздархой а бу нохчийн къоман.
 Йаханчу 20-чу   оьмарехь  берашна лерина йаздинчу  дешан говзанчех бара Билал Саидов, Саракаев Хьамзат, Гайсултанов 1умар, Гацаев Саь1ид, Махмаев Жамалди, Гелагаев Сайд-Мохьмад…Тахана а къахьоьгуш бу нохчийн берийн  литература кхиорна юкъа доккха дакъа диллиначех болу,  бевзаш болу йаздархой Кагерманов Докка, Мамакаев Эдуард, Исмаилов Абу, Ахмадов Муса, Сулейманова Зайнап…
Х1окху т1аьхьарчу шерашкахь  жигара къахьоьгучу йаздархойн юкъахь ю Сейлмуханов Мусан, Арсанукаев Мусан,  Демеев Исмаь1алан, Закриев 1ийсан ,Джабраилова Азин, Резванова Айзин,Тапалаева Амнатан  ц1ераш.
    Хьахийна   х1ора йаздархо хьакъ ву  шен  кхоллараллех дуьззина  дош ала, т1ейог1учу ханна и дан 1алашо а ю вайн. Ткъа х1инца суна дешархошна йовзийта лаьа  пох1ма долчу йаздархочун Джабраилова Азманан берашна лерина байташ.
 Азман Джабраилова йазйан йолаелла дешархо йолуш, ткъа цуьнан дуккха а   говзарш арайийлина  вайн мехкахь зорбанан г1ирсашкахь . Къаьсттина хьахо лаьа Азманан берашна лерина байташ. Уьш арайийлина уггаре а хьалха берийн «Стела1ад»  журналехь. «Бераллин аз» ц1е йолу книжка арайаьккхина 2018 шарахь Йаздархойн союзо а.
Ала деза, берийн дахар а, церан г1иллакхаш дика девзаш ю Джабраилова Азман. Цхьайолчу байташкахь рифма нисйина яцахь а ,чулацам к1орга болуш а, йоьшучуьнан сих кхеташ а йара цу книжки юкъа йахана байташ.
      Аза Джабраиловас кечйеш ю керлачу байтин гулар. «Йо1 а, тилпо а»  ю гуларан ц1е. Шен т1е ойла йохуьйтуш, идейни маь1на лакхара долуш ю и байташ. Х1окху заманан  уггаре а коьрта хаттар ду йаздархочо айдинарг . Тахана берийн дайшца-наношца а ,  вовшашца йолу а юкъаметтигаш йохош, жималлин ловзарех хадош а г1ирсаш бу и юкъа евлла тайп-тайпана «гаджеташ» -тилпонаш,комьютерш.Бакъдолуш, заманца ца хилча ца бовлу техникин, хьал-дахаран  кхиаран  керла хийцамаш-хиламаш бу уьш.
Х1ун т1е1аткъам бо оцу хийцамаша берийн дахарна? Муха къийса керлачу заманан техникан «хьадалчашца»? Оцу хаттаршна жоьпаш лоьхуш санна, йазйо Джабраиловас шен 9 б1ог1амах лаьтташ йолу , самукъане берийн байташ.
 Массо а нанна г1айг1а ю тахана берийн з1е алсам тилпонца хиларна, берийн кхетам-хьекъал ,я ницкъ  ца тоьу шайн лаамашна т1ехь олалла дан. Царна керла х1ума ,массарна а санна , хазахета, довза лаьа, цундела  дуьхьал бан безаш кхеторан  болх бу, берашна т1ехь 1уналла оьшу. Дай-наной уггаре а жоьпаллин адамаш ду оцу декъехь. Х1окху ойланашца йазйинчух тера ду
«Йо1 а, тилпо а».
Байташ д1айолайо коьртачу теми т1ера:йо1анна тилпонах ловза лаьа, амма нанас цуьнга тилпо ца ло ,цуо иза ловза арайолуьйту.  Уьйт1а яьллачу йоь1ан доттаг1чуьнца д1аяьхьна берийн шатайпа ловзар гойту. Бакъдолу берийн ловзар. Цу ловзаршца кхиъна ду эзарнаш бераш, царех д1ахадийта  йиш йац уьш, уьш карладаха деза. Оцу ловзарша 1амаво баккхичарех тера лела, дахаран 1адатех вуола. Ч1ог1а маь1не, хьехаме  чулацам болуш йу х1ара стихотворени.   
Йо1 а, тилпо а

-Нана, соьга тилпо лохьа,-
Йо1 шен нанна йелало.
Нанас олу: « Цулле а хьо
Малхе  йалий, йолало».

Уьйт1а йеъна  доттаг1 йайча,
Цхьа самукъаделира.
Къамел дина, цхьа хан яьлча,
Ши йо1 ловза йелира.

-Х1ара пеш ю,- олуш бертал
Лоха г1ант д1ах1оттира.
Наштаран кад  лехна кертахь
Пеша т1е «йай» х1оттийра.

Уггар мерза жижиг вайн ду,-
Ши т1улг яйчу тесира.
Чопа йицлахь, чорпа "пал" бу,-
Олуш, чопа ийцира.

Таьллан бекъа сара лехна,
Кагбеш, галнаш хедийна.
Шунна метта, г1аш ду даьхна,
Жижиг даьлча кхихкина.

Галнаш сихха яйчу тесна,
Чоьлпа- г1аж чухьовзийра.
Уьш кхихкина евлла, аьлла,
Юу сурт а х1оттийра.

Ши йо1 къиежа, вовше хьоьжуш,
Реза ю шайн ловзарна.
Мерза-м ю вайн галнаш,- олуш,
Кхана ловза барт хилла.

- Нана, суна дов ма делахь,
Аса г1амарш кегорна.
Ахь соь тахна тилпо еллехь,
Со чохь 1ийна хир яра.

Йо1 д1аяхча юьхь, куьг йила
Шиехха Нана къежира.
Кхана цуьнга и ца яла,
Шен ойланца сацийра.

Нохчийн 1ер-дахаран кеп ю шина доттаг1чо ловзарехь д1акхоьхьург.Нохчийн даар  жижиг-галнаш   башха кечдар, уьш цхьа хаза шина йо1а даар а-  иштта   сурт х1утту  ешархойн б1аьргашна хьалха.
Кхетачу, говзачу маттахь   йазделла  мог1анаш ду х1орш. Коьрта 1алашоне вуьгу  дешархо: х1ан-х1а ,йаллане а йала мегар дац берашка тилпо, церан кхиар беркате хуьлийла вайна лаахь.  Лирически турпалхочо а бо сацам ,кхин йоь1ан бералла ца лачкъо…
Тайп-тайпана ю йаздархочун берийн кхоллараллийн тематика. 1аламца йолчу юкъаметтигана лерина ю х1ара байташ:  «Б1аьсте йог1у», «Нитташ», « Жима к1еза», « К1ант а, хьоза а», « Партал ча», «К1ант а, дитт а»,  «Стела1ад».
Царех цхьайерш, башхаллийца къесташйерш ,  йийцаре йийр йу вай :
«Этмаь1иг»  ц1е йолу  байташ, берийн поэзехь тема керла  хиларца билгалйевлла  ца 1аш, рифма ларъйарца а , чулацам  маь1не хиларца а къаьсташ ю.  Рифмин тайпанаш а хуьлу башха: къен а,хьалдолуш а. Х1окху стихотворенин рифма къен йац.  Чаккхенехь далийна дешнаш цхьана къамел декъан цахилар, хандешех лаьтташ цахилар дика гуш ду. Масала: хаза –билгалдош, иза-ц1ерметдош, цхьа а- ц1ерметдош, цкъа а-куцдош.
Хьалхарчу, т1аьххьарчу  б1ог1амашкахь  (строфашкахь)  цхьатерра (смежная) рифма ю, юккъера строфа ж1арийн ( перекрестная )  рифмица х1оттийна ю. Иза йаздархочо шен лаамехь нисйиначух тера ду.
Этмаь1иг
Хьийзош, дина ц1а ду хаза,
Букъ т1ехь лелош ду цо иза.
Шен ц1а чу ца вуьгу цхьа а,
Охьадуьллуш дац и цкъа а.

Ге т1ехь цхьаъ бен ког бац цуьнан.
Цундела ю текхна лелаш.
И текхначохь лар ю  т1уьна.
Лела меттахъхьедеш мекхаш.

Этмаь1иг вай юзо еза.
Х1ун хета те цунна мерза?
Копастан г1а цунна даккха.
Шен ц1а чуьра араяккха.
Х1ара байташ йеша а, дагахь 1амо а дика ю берашна мотт шарбарехь а,  к1аргбарехь а.
  Хууш ма-хиллара, исбаьхьаллин г1ирсаш лелорца, мукъаман цхьаьнаэшаралла ларйарца къаьсташ хила йеза  поэзи.
Исбаьхьаллин г1ирсех  пайдаоьцу А. Джабраиловас ,къаьсттина 1аламан сурт х1оттош . Масала, «Б1аьсте йог1у» байташкахь  далийначу  шатайпанчу  дустаро  шена т1е тидам бохуьйту.
Б1аьсте денъеш, адамах тарйеш, говза  метафора (олицетворени) авторо  йалийнехь а, 1аламан хазалла Кхолларан урхалла Аллах1ера дуйла гойту кху мог1анаша:
Б1аьсте ю шен духар тоьгуш,
Шен болх бо цо, к1ад ца луш.
Ма говза ду цуьнан куьйгаш-
Делера схьа бустамаш.
   
 Азманан цхьайолчу байташкахь   рифмина эшам бина карабо вайна. Ритмикин, рифмин башхаллаш ца йевзаш йац йаздархо. Авторо ша ма-аллара, коьртаниг  –чулацамна зен цадар ду, рифма ларйанза  мехала  байташ карайо вайна баккхийчу классикийн а…
 Соьга хаьттича, Азманан байташ хьакъдолуш  ю дешаран книжкашна юкъахь хила а, шуьйрачу дешархойн мог1аршна йовза а.

Дош дерзош ,билгалдаккха лаьа: сан статьян 1алашо йара А. Джабраиловас кечйинчу керлачу берашна леринчу гуларна   юкъа йаханчу  байтийн мах хадор.  Аса царех уггаре а дагна т1е1аткъаменаш хаьржина. Дашна доцуш, цхьажимма  байташ х1отторан 1илманна т1е тидам бахийтачхьана, Джабраилова Азманан байташ чулацаме  а, кхетош-кхиоран маь1на  долуш а ю.Къахьегар  цхьана а ханна сацо мегар дац кхоллараллехь болхбечу наха х1етте а. Азман тахана а шен кхоллараллин т1ехь болхбеш схьайог1уш ю. Тешна йу цуьнан дуккха а берашна лерина гуларш арайевриг хиларх.Цуьнан кхолларалла вайна литературина беркате хирг хиларх а.

               
                Пет1мат Абубакарова,берийн йаздархо