Петмат Абубакарова

Литературный Клуб Даймохк
     Сихалло садаьккхина-собаро лам баьккхина.Х1окху нохчийн кицанца ч1ог1а дог1уш ду оьрсийн берийн яздархочо К.Д.Ушинскийс кегийчарна лерина х1ара жима дийцар.
       
        Ладуг1уш хила хьехаме  К.Д.Ушинский

   Дехаш дара йиший,ваший- борг1аллий,котаммий.Беша а яьлла х1инца а хиланза йолчу сийначу кхезарех з1ок йетта х1оьттира н1аьна,котамо-йишас элира: «Ма яа уьш,собарде кхезарш ц1ийаллалц,хилла йовллалц. Борг1ало ла ца дуьйг1ира йишин хьехаре,дукха ца 1ебаш,кхезарех з1окйиттина хаьндарг эккха йоллуш,халла ц1а кхечира борг1ал.
-Ва,орца да-а-а-ла,-мохь беттара борг1ало.Г1о де суна,сан йиша!
Котамо сихха 1аждарбецах кечдина хи малийра,горчичникаш а х1иттира –борг1ална г1оле хилира.
   Борг1ал тойелира,араелира,дукха д1асаидда,кхийссаелла ,йохъелира,хьацарделира,т1аккха едда хин йисте кхечира шийлачу хих къурд бан.
Йише мохь белира: «Ма малалахь шийла хи,цонгуш хир хьо».
Борг1ало ла ца дуьйг1ира йише-котаме,шийла  хи мелира, цулт1аьхьа цунна хорша еара, йишас халла ц1а йигира борг1ал.Едда яхана лор валийра,лоьро къаьхьа молханаш йазйира,дуккха а меттахь 1иллира борг1ал.
  1аьнан йуьххьехь тойелира иза, хи  т1е йахара.Ша т1ехь хахкайала дагадеара когасалазашца,йишас мохь туьйхира цуьнга: «Сих ма ло сан хьоме ваша,ша ч1аг1балийта хи т1ера,такхор ву хьо». Юха а ла ца дуьйг1ира борг1ало йишига,ког ма-боллу ша т1ехула хахкайэлира иза, къаршт аьлла ша кагбелира,борг1ал хи буха йахара.Кхин цунах х1ун хилира а ца хаьа.

                Гочдинарг: Абубакарова П.З.