Тешам

Банжаев Аьрзу
   
                29. 07. 2021 шо. "Зори Ислама" ("Исламан З1аьнарш")14 номер
   
  Тешам бохург доккха х1ума а, коьрта х1ума а ду. Стагехь тешам хилчахьана, дисина х1уманаш тардалийталуш хуьлу. Амма, тешам ца хилча…  Ишттачу стагаца къамел ца дог1у.
 «Аьшпаш буттуш волу стаг шен умматах вац»,-аьлла боху Мухьаммад Пайхамара(Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Аьшпаш боттар тешам ца хиларна юкъадог1уш хиларе терра, оцу тешам цахиларо и стаг мел д1атотту гойту цо. Иштта, мог1арерчу адамийн уьйраша а д1атотту, д1ахерво шайх аьшпаш буттуш волу стаг. Тешам боцу стаг т1еийзавойла а, т1ек1ам войла а, цуьнца гергало леладойла а дац. Цуьнгара хьуна мичча хенахь ямартло, тешнабехк хила тарло. Массо а цунах кхета аьлча нийса хир дацахь а, дукхахболчарна и хаьа. Цара уьш шайн б1аьргах а ца туьлуьйту, букъа т1ехьа бовларх ларбеш.
    «Аьшпаш буттуш волу стаг сан умматах вац»,-аьлла, Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лаа д1а ца хервина и шен умматах. Шен цхьа бахьана доцуш дац Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) аьшпаш буттург шех хер вар. Адамийн хьежамаш-м буьйцур а бацара вай, оццул къинхетам, уьйр-марзо йохьуш веанчу Пайхамара а (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) и шех д1ахервеш хилча. Вайна ма-хаара, вайн мог1арерчу адамаша а ма хервой тешам боцург шайх. Оцу дерригенан ойла йича, аьшпаш буттуш волчу стагера ямартло хуьлу бохург хир ду аьлла хетало.
    Тешам боцу стаг гуьйренан де санна ву. Гуьйренан дийнахь х1инцца малх кхетта хилахь, оцу минотехь дог1а хила а мега, иштта мох, ткъес, мархаш… Цо вохван а, шелван а мега хьо, иштта т1адон а, вакъон а. Иштта х1уъа хила тарло тешам боцчу стагера а. Ткъа кхерамениг х1ун хуьлу цахаар ду. Тешам боцчу стагера хьуна х1ун хир ду ца хаьа. Хьо даима вулавелла 1ан везаш ву цуьнгара хила тарлуш долучунна. Ткъа иштта цунна кечвелла 1ачул а, хьуо цунна генавалар а, хьайна и генахь латтор г1олехь ду. Вай х1инцца ма-аллара, аьшпаш буттуш волу стаг (шех тешам боцуш волу стаг ву-кх иза) лаа д1ахервина ма вац шех Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна).
     Адамехь хуьлуш синмехаллаш ю: г1иллакх, оьздангалла, яхь, эхь… Кхин дуккха ю уьш. Царна юккъехь ю иштта «Тешам» боху синмехалла а. И вай х1инцца ягарйина йолу синмехаллаш адамехь ца хилча, оцу адамца йолу юкъаметтигаш дика ца хилахь а, хада ца хеда. Амма оцу стагехь тешам бацахь, цуьнца юкъаметтиг ца еза цхьанна а. Кхузахь «юкъаметтиг» бохург х1ун ду хьуна аьлча, цуьнца г1уллакх цадар ду вай. Т1екхаьчча, цуьнга хьо-со а олу, вист а хуьлу, пхьоьхане хууш а нисло цуьнца, амма и волчохь дош а лардо, цунах шен букъ а ларбо. Вай х1инцца ма-аллара, г1уллакх-м муххале а ца дог1у цуьнца цхьана а кепара. Цуьнца юкъара г1уллакх долор бохург –м дийца а ца оьшу. Ур-атталла цунах мотт а, букъ а тешош а, тешон йиш йолуш а ца хилча, г1уллакх х1ун аьлла дог1ур ду цуьнца... Цуьнца цхьана а кепара г1уллакх дог1ийла яц. «Шех тешам боцчу стагаца г1уллакх муха дог1ур ду? Вордана т1ехь сема ца хилча, д1а муха вахалур ву?» («Как можно имет дело с человеком, которому нельзя доверять? Если в повозке нет оси, как можно в ней ездить?»),-аьлла, Китайн воккхачу философа Конфуцийс.
   Вай х1инцца дийцинарг шена т1едоьг1ча, шеца цхьа а г1уллакх ца дог1уш, оццул мах боцуш стаг ву шех тешам боцуш волу стаг. Шен цхьа а мах боцуш, шеца цхьаьннан а г1уллакх а ца дог1уш, ваха а хала хир ду стагана шен ойланца а, иштта балхаца-некъаца а, нагахь санна, цунна и болх-некъ нислахь а. Цхьанна а х1уманна атта юкъа вуьтур вац иза, цунах х1умма а тешор дац.

    Адамашца юкъаметтиг йоцуш вахалойла дац аьлла хета. Ткъа цунах кхеташ хилча, стага шех тешам бойур бацара аьлла ойла а хуьлу. Х1унда аьлча, вай лакхахь ма-аллара, юкъараллехь тешам боцу стаг емалво, цуьнца г1уллакх а ца дог1у. Ткъа иза цунна шена эшам бу. Т1аккха, ахь дика ойла йича, шех тешам боцу стаг–1овдал стаг ву. Х1унда аьлча, шех тешам байина, юкъаметтигаш йохор бахьана долуш, ша цхьалха вуьсу иза.
    Илсхан-Юьртарчу Хьаьжас аьлла боху: «Бусулба ши стаг, ши куьг санна ву, вовшийн цхьамма цхьаъ ц1андеш долу...». Кхузахь, Хьаьжин и дешнаш динехь дикачунна т1енисвеш бохучу маь1нехь делахь а, вуьшта, вайн юкъараллехь а дог1уш ду. Х1унда аьлча, адамаш вовшийн г1ортораш йолуш меттигаш дукха нисло.
    Цхьаволчунна ша цхьаъ левина, цуьнгара цхьаъ яьккхича, и х1ума шен д1аер яц моьтту. Ткъа и х1ума сихха д1адолу. Цунна юха а нахаца юкъаметтиг оьшу. Амма и юкъаметтиг и ца вевзачо бен ца лелайо цуьнца. Х1унда аьлча, цо шех тешам байина.
   Тешам болуш хилар сица хуьлуш делахь а, шегахь и ца хилча, и ларбан г1иртина а, шегахь сацон безара. Иза цунна шена дахарехь оьшуш дерг ду. Хьоьгахь тешам цахилар-м х1унда дуьйцура ахь, хьоьгахь и бан а болуш, хьоьгара тешам боцуш цхьа х1ума далахь а, юха хьалха хилла тешам ца хуьлу хьох. И иштта хилар дуьйцуш, айса цунах лаьцна язйина «Дуьххьарлера тешам хилац» ц1е йолу байт ялон лаьа суна кхузахь:
Г1ерта хьо маттехь дика далхо,
Йоллушехь а хьайн сица шалхо.
Ткъа гуш хьоьгахь иштта и харцо
Тешамна хьарчадо ас марчо.

Цкъа баьлча, юха бодац безам,
Бодахь а, хилац хилла тешам.
Сих а лой, ма бе хьайна эшам,
Г1еллур бу хьоьга болу хьежам.
   Иштта ду иза. Цкъа хьох тешам балахь, кхин юха хьалха хилла тешам ца хуьлу хьох. Цундела, мелла а шех тешам бовр болу х1ума ца далийта хьажа веза. И мел к1езиг делахь а, тешамца доьзна долу х1ума экаме ду.
   Тешам ангали санна х1ума ю: ахь лерина ца лелийна, жимма цунах онда х1ума хьакхалахь, эккха и, амма, ондачу метте ч1ог1а охьакхетахь-м, эзар дакъа хуьлий духу иза. Иштта бу тешам а: цхьак1еззиг а хьайх тешам бойу х1ума ахь далийтахь, юха хьалхалера тешам ца хуьлу хьох. Мел делахь а, томмаг1а (айп) дуьсу хьуна т1ехь. Сих-сиха тешам бойу х1ума ахь хьайх далийтахь-м, гуттар а тешам бов хьох. Цхьак1еззиг бен хьох и ца даьллехь а, цкъа ахь хьайх ишттаниг далийтинехь,«Хьалха а висира и, вог1ур а вуй-те и, хьалха а нис ца делира цуьнан и, х1инца а г1уллакх хир дуй-те цуьнчух, хьалха а ца дира цо и, х1инца а дийр дуй-те цо и»…  «Хьалха а…»,-бохуш, цкъа цо шех тешам байар бахьана долуш, шеко кхоллало стагах (буьззина тешам бац-кх цунах х1инцале а). Масийттаза шех и тайпана г1алат даьллачух кхин а ч1ог1а тешам ца хуьлу. Ткъа даима а ишттанаш шегара дуьйлуш хилча-м, тешам биса а ца буьсу. «Цо бохура и?! Т1аккха и бакъ дац хьуна! Д1аваккха д1а, и-м вог1ур вацара, д1аваккхахьа д1а цо-м дийр дацара и»,- бохуш, цо аьлларг тергал а ца до. Ма-дарра аьлча, цо аьлларг цхьана чоьта ца хета. Дуьххьара «Хьалха а висира и, вог1ур вуй-те, хьалха а ца дира цо и, х1инца а дийр дуй-те цо и…»,-бохуш хилларг, х1инца «Д1аваккха…»,-бохуш, вай х1инца ма-аллара, и цхьана чоьта ца лоруш ду. Иштта хуьлу шех болу тешам ца ларбича. Х1инца вай дийцинчун ойла йича, сий дожар бохучу х1уманна т1е а доьду иза. Х1унда аьлча, цо дуьйцург цхьана а чоьта лоруш ца хилар–оцу стеган сий цахилар ду. Т1аккха ма ч1ог1а мехала х1ума хуьлу-кх тешам бохург.
   Шех тешам байинчу стеган хьал шеконехь хуьлу. Ишттачу стага дош деллехь а, цунах ца теша, цуьнан дош баккъал а т1е ца лоцу. Дош –м х1унда дуьйцу ахь, цуьнан дуйнах а ца теша. Вайн халкъан кица ду: «Дош-дош дацахь, дуй-дуй бац»,-олуш. Халкъалахь олуш схьадеана х1ума ч1ог1а маь1не, доккха зеделларг долуш хуьлу. Кхузахь  юха а цкъа и иштта хилар билгал а долу. Х1унда аьлча, вайн заманахь а тешам боцчу нахера и тайпана х1уманаш хийлазза дуьйлуш нисло.
   Дашца тешам хилар, цахилар хьахон даьккхича, тешам дашца болчул а совнаха кхин а хуьлу: иза шен сица болу тешам бу. (Дашца а, сица а аьлла, вай и къастор х1ун ду хьуна аьлча, цхьаверг маттехь бакъдерг а долуш, амма шен леларехь харцонца, ямартлонца хуьлу). Ишттачух ши юьхь йолуш ву олу. Шен сица тешам болчух аьлча, цуьнан мотт, лелар цхьана кепара хуьлу. Ишттаниг шех х1уъа а тешон хьакъ волуш хуьлу.  Ишттачо дош ца деллехь а, цуьнгара ямартло ца йолу, цуьнца даима а тешам хуьлу. Ишттачуьнгара дош даккха оьшуш а ца хуьлу я цо дош дала оьшуш а... Ишттачуьнгахь «Тешам» боху синмехалла шен сица йолуш ю.
   Дош лардар ч1ог1а хилла ду къонахашна юккъехь. Дош–дош хилар– и стаг стаг хиларан билгало ю. Дош–дош хилар, и стаг–стаг хилар билгало хиларе терра, дош–дош цахилар–т1аккха и стаг– стаг цахиларан билгало а хуьлу аьлла хета. Стеган дош–дош хилар а, стеган дош–дош цахилар а оццул доккха маь1на шена чулоцуш ду. И иштта хилар т1еч1аг1деш, х1ара дийцар дийца лаьа суна: Цхьана стагана ирхъолла кхиэл йина хилла. И кхиэл кхочуш ян танг1алкха т1е хьалаваьккхина хилла и. Цунна и кхиэл еш хьовса баьхкина нах а хилла гонаха лаьтташ. Оцу стагана т1аьххьара дош ала бакъо елла хилла. «Ц1ахь кхочуш дан дезаш цхьа декхар дара сан, со д1авахийтахьара аш, со сихха сайн и декхар кхочушдина, юха схьавог1ур вара»,- аьлла, ирхъолла кечвинчо. Кхелахочо аьлла, «Хьо схьаваллалц хьайн меттана бухахь вита мила ву хьан»,-аьлла. Т1аккха оцу стага мохь тоьхна «Со ц1а вахана схьаваллалц шен меттана бухахь саца цхьа а вуй шуна юкъахь»,-аьлла. «Ша ву»,-аьлла , цхьаъ  юккъера сехьаваьлла хилла. Шен меттана танг1алкха т1е и стаг а валийна, ц1а вахана хилла и. Ша аьллачу хенал жимма т1аьхьависина хилла вахнарг. Ирхъолла кечвина лаьтташ цуьнан меттана бухахь виснарг а хилла. Х1ара ца вог1у моьттуш, и шайн кхиэл цунна т1ехь кхочушъян бохкуш кхелахой а болуш, важа шен говр хаьхкина схьакаьчна. Х1ара шен дош лардина, схьа а кхаьчча, кхуьнан меттана важа бухахь сецна а хилча, кхелахочо цаьршиннан доьналлех цецваьлла, аьлла: «Кхиэл шозза еш хуьлуш яц, парг1ат вита и шиъ»,-аьлла. Цу дийцарехь стеган дош¬¬¬–дош хилар гойту. Шен дош лардина, ша юха веача вуьйр волуш велахь а, шен дош лардина цо. Иштта ду стеган дош–деллехь кхочуш деш. Ма дарра аьлча, тешам хилар ду иза. Оцу шен дашца болу тешам бахьана долуш, вен кечвинчу кхиэлах хьалха а ваьлла и стаг, иштта шен дашца болу тешам бахьана долуш, вевзаш вацахь а, турпалхо санна вийца а висина иза. Иштта бен хуьлийла а дацара иза, шен дош лардеш, цо динарг к1езиг х1ума дац. Вай лакхахь ма-аллара, вуьйр велахь а, шен дош лардина цо, ша вадалур воллушехь, ца ведда иза, 1ожаллел лакхара лерина цо дош, ма-дарра аьллча–тешам. Доккха х1ума ду шен дахар, тешам оза а оьзна, тешам беза а карийна, и тешам ларбар. Х1унда аьлча, адамна шен дахарал доккха х1ума дац. Вай дуьйцурш деррие а адамаш дац. Шен дахарал лакхара яхь, юьхь, сий, тешам лоруш нах хуьлу. Амма, уьш к1езиг хуьлу. Шаьш оцу дахарал а лакхара лоручу х1уманаша къонахий а бой, вай х1инцца бийцина къонахий санна, даима баха буьсу уьш. И бохург дац къонаха хила вала веза бохург. Делахь а, и вай йийцина синмехаллаш дахарца цхьаьна мог1аре йохкуш хилла вайн дайша.
   Шен сица тешам болу стаг ц1ена ву. Цуьнан ойланца тешнабехк, ямартло ца хуьлу. Ишттачух  х1ума теша а до. Доккха ирс ду нах шех тешаш хилар, наха шех х1ума тешош хилар. Хийла тешам болуш нах хуьлу вайн юкъараллехь , шайн х1усамах а, доьзалх а доьзнарг наха шайх тешош: Ша цхьанхьа воьдуш, дог1анаш д1а а лой, «Ша ц1а валлалц керта б1аьрг тухуш хилахьара шу, доьзале б1аьрг тохахьара аш»,-олий, шайн х1усам а, доьзал а церан 1уьналле ло наха. Х1инца кху статья т1ехь ас х1ара дуьйцуш-м к1езиг х1ума хетар ду х1ара статья йоьшуш 1ачунна. Цунна и иштта хетар долуш ч1ог1а хаза а хета суна. Х1унда аьлча, х1ора а бохург санна вайн лула-кулахь иштта шен х1усам, ков-керт, доьзал тешош, шен г1уллакхе воьдуш 1аш ву. Вайна доккха х1ума ца хета иза. Х1унда аьлча, вай иштта 1аш ду, вайна юкъахь дуккха а тешам бу, вай цунах девлла дац. Оцу тешам бохучух тилла дуккха а къаьмнашлахь дукха нах бу. Ишттачу юкъараллашкара нах вайн махка баьхкича я вай церан махкахь нисделча, тешам, ларам, яхь, юьхь боху синмехаллаш вайгахь гича цецбовлу уьш. Х1унда аьлча, цаьргахь цхьана хенахь уьш хиллехь а, тахана дуккха г1елъелла. Тахана уьш сан цхьана доттаг1чо ма-аллара, «Хьайна т1ебилла болх» («Надейся только на себя»),-бохуш, цхьаннах дегайовхо а, тешам а боцуш 1аш бу. Уьш вовшех тешаш цахилар цхьацца передачашка хьожуш, керланашка хьожуш, цхьацца дийцаршка ладоьг1уш, цхьацца дийцарш доьшуш гуш ду. Вай цхьанне луьйш а дац, цхьанна а къоман ц1е йоккхуш дац я цхьаннах кхаьрдаш дац. Вай дуьйцург долуш дерг ду. Хенан йохалла вайн халкъана юкъахь а х1ун хийцамаш хир бу хууш дац. Дала ма хуьлийтила и иштта. Юкъара тешам д1абаьлча, дахар хала хир дара, гуттар сема, вулавелла 1ан везар вара. Хьуна хьаьнгара х1ун т1е1оттало хуур дацара. Чаг1алкхаш санна хир дара адамаш вовшашца, шайн аьтто баьлча, стешхаллица милла а хьошур волуш, хьаьнггара а х1уъа а йоккхур йолуш. Ткъа адамашна юккъехь и ца хуьлуьйтуш дерг тешам бу.
     Стагера цхьа г1о оьшуш стаг керта вар–цкъацкъа кхин дан х1ума ца хилла и вог1уш нислахь а, дукхахьолахь «Цо г1о-накъосталла дийр ду-кх суна, цуьнга ала деза-кх ас»,-олий, вог1уш нисло. Стаг хьоьгара г1о-накъосталла оьшуш керта вар доккха х1ума ду. Х1унда аьлча, хьох тешна веана иза. Ахь шен г1уллакх дийр ду аьлла, ша тешна ца хилча, и хьо волчу вог1ур а вацара. Ахь цунна хьайгахь цхьанхьа тешам гайтина, хьайга далуш хилахь, г1уллакх дийр дуй а хаийтина. Ахь г1уллакх дийр долуш ца хилча, «Цо-м вахча а г1уллакх дийр дацара суна, цуьнга-м аьлча а эрна дара»,-аьлла, и хьо волчу вог1ур а вацара. Иштта олуш а хеза вайна, шен дан г1о-накъосталла а долуш, цхьанхьа и ца деш цхьамма гайтинехь: «Цо-м г1о-накъосталла дийр дацара суна, цуьнга-м аьлча а эрна дара и, цига-м вахана а дан х1ума дацара»,-бохуш. Цуьнан тешам бац хьох, ахь шена г1о-накъосталла дийр ду аьлла. Вай х1инцца дийцинчуьнца дуьстича, доккха х1ума ду хьох дегайовхо цахилар. Ма-дарра аьлча, тешам цахилар ду иза. Ткъа хьох дегайовхо цахилар–хьо к1езиг хилар ду. «Хьох дегайовхо цахилар-хьо к1езиг хилар ду»,-бохург,–хьан мах лахара бу бохург ду. Тешам хиларо оцу стеган мах хьалахабоккхуш хиларе терре, тешам цахиларо оцу стеган мах охьа а боккху. Ткъа мах боцу х1ума, цхьанна а оьшуш ца хуьлу.
    Тешам боцуш волу стаг, пхьоьханера букъ берзийна а валале стагана т1аьхьашха дош олуш а хуьлу: сакхташ дуьйцу цо, шех тешна дийцинарг ца дуьту цо къайлах. Иза-м х1унда дуьйцу ахь, цуьнца шен мел гергарло делахь а, цхьа жимма шена цуьнгара цатовриг ма даьлланехь, т1ехь доцург а кхуллу цо стагана (Мотт хуьлу цуьнан беха). Цо и шайга дуьйцучарна а хаа деза кхоно шайна а цо ишттаниг дуьйцур дуй. Олуш а ма ду: «Нахана т1аьхьашха луьйш и велахь, кхоно хьайна т1аьхьашха а и луьйр вуй хаалахь». Тешам боцу стаг иштта ву, иштта вевзаш а ву.
   Тешам боцу стаг–к1елонна хиъна ямарт стаг ву. Цо ямартло хьанна а йо. Мичча хенахь цо тешнабехк бан мега хьуна. Ишттачуьнгара тешнабехкана кийча 1ан а веза. Цуьнгара тешнабехк хилахь, цецвийла а ца оьшу. Тешам боцчу стагера тешнабехк хуьлуш хуьлу. Цо цкъа мацца 1ехаво, аьшнашво, лазаво, чахчаво…  Ма-дарра аьлча, цкъа мацца а хьуна букъа т1ехьашха шен тешнабехк, ямартло ца еш ца 1а иза. Ткъа иза ирча х1ума ду.
   Вайн баккхийчара бер дукха жима долуш дуьйна тешаме хила 1амадо. «Нехан х1уманна т1е ма кховдалахь, нехан х1ума 1адйиталахь»,-бохуш, хьехарш дора цара бер шега дуьйцург схьалоцучу даьлчахьана дуьйна. Тхан нанас дуьйцура: «…Жима яра со… Школера ц1айог1уш, охьадоьжна кехатан кхо сом ахча а карийна, иза а эцна ц1аеанера со… «И мичара даьлла хьуна?» - хаьттира соьга тхан нанас. «Ас сайна карийна»,- элира. «Йоло айхьа схьаэцначу сихха охьадиллал и, кхин ма эцалахь иштта х1ума схьа, хьан куьйгаш охьаэгар ду хьуна»,-элира соьга. Ас сихха юха а яхана, айса схьаэцначу охьадиллира и ахча».
   «Айхьа схьаэцначу охьадиллалахь и»,- аьлла ца 1аш, «Хьан куьйгаш охьаэгар ду хьуна»,-аьлла, кхерам тесна цо цунна. Оццул боккха кхерам тосуш х1унда аьлла цуьнга и нанас? Дера аьлла, тешам бохург мел доккха х1ума ду хаийта а, жима йолуш дуьйна иза нехан х1уманах ларъялийта а. Цуьнгахь хьалххе дуьйна тешам кхион а, тешам кхолла а г1иртина и.
   Оцу беро цигахь лачкъийна а дац и ахча, ша жима хиларе терра, шена новкъахь карийча, схьаэцна. Амма, цхьаьннан доьжна ахча хила тарло иза. Ткъа неха х1ума–неха ю. Жима долуш дуьйна берана неханиг неха дуй хаийтар ду цо гойтург. Ткъа нехачунна т1е цакховдар, цунах ларвалар–шегахь тешам хилар ду. Ткъа суна цигахь гуш дерг– бер жима долуш дуьйна тешамца хьалакхиор ду. И тайпа меттигаш йийца кхин а ю вайн дахарехь. Делахь а, цунах тоам бина, цу т1ехь дерзон лаьа суна.
   Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) шега пайхамаралла доссале хьалха а ч1ог1а тешаме хилла боху, Маккийчарчу хьалдолчу наха шайн бахамаш и волчу д1а а бохкуш. Мел тешам хила беза цунах, наха и волчу шайн деши-дети д1адуьллуш хилча! Цуьнга Пайхамаралла доьссинчул т1аьхьа, шаьш цунна дуьхьал девллашехь, хьалха санна и волчу шайн бахамаш охьабохкуш хилла боху цара. Иштта тешаме хилла Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Ткъа Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вайна масал ду. Т1аккха вайна дуьсуш дерг–тешаме хилар ду.