Оьздангалла а, цо вайн дахарехь д1алоцу меттиг а

Банжаев Аьрзу
                25 июнь 2021 шо. "Исламан з1аьнарш" 12 номер.

Таркхойн Шовхала ша
волчу хьошалгIа кхайкхина
хилла боху цIеяххана болу
кIентий. Iуьйранна туьха а
ца тосуш, теза кхача хьалха
биллина хилла цо царна.
Цхьаммо инкарло ца еш,
хьешо буъчу барамехь кхача биъна цара. Делкъанна
туьха совдаьккхина, кхача хьалха биллина царна:
Iуьйранна шаьш ма-баъара
биъна хилла цара и кхача а.
Ткъа суьйранна чам тобина,
тоьлла кхача хьалха биллина
хилла Шовхала хьешашна.
Шаьш Iуьйранна, делкъанна
ма-кхеттара кхачанах кхетта, севцца хилла хьеший.
ТIаккха церан оьздангаллех
цецваьлла, Шовхала хьаьттина хьешашка: ма тамашийна
болх бу-кх шена гуш берг.
Теза, дуьра, мерза цхьатерра
йии-кх аш? Хьешашна юкъахь воккхахволчу Эвтархойн
Ахьмада жоп делла хилла
тIаккха: «Тхо-м хьан шуьне
чемаш хержа даьхкина даций, Шовхал. Нехан хьаьвди
тIехь дин берстар бац, нехан
шуьнехь къонах верстар вац».
Мел чIогIа оьздангалла
гойту цу дийцаро. Вайн халкъан фольклора тIера дийцар
ду иза. Иштта оьзда хилла
вайн дай. «Хилла»,– аьлла,
и иштта дита ца ло, я и
иштта дита лаа а ца лаьа.
Оьздангалла юьту хIума яц,
«хилла»,-аьлла. Иза гуттар
хила езаш ю. Иза Iадйитахь
а, иза ширъелла, цуьнан мах
дIабаьлла юьтур яц ахь и
Iад, и Iадйитахь, хьайн мах
охьабаьллий, хьайн адамалла
ширъеллий бен. ГIиллакхоьздангалла ширлуш дац.
ГIиллакх-оьздангалла даима
а мехала хIума ю. Цара деш
ду адамах адам. Ма-дарра
аьлча, уьш хилча, адаман
куц-кеп кхин а тало, кхин
а хазло. Дукхахьолахь, оцу
адамна тIехьаьжна а гуш хуьлу цуьнан синан цIаналла,
цуьнан синан оьздингалла:
къамелаца, цIеналеларца,
тIехь долчу духарца…
ГIиллакхаш къоман шайншайн долуш нислахь а, оьздангалла массеран а юкъара ю. Масала, шуьнехь
оьзда хилар дуьйцуш, вай
лакхахь далийна и дийцар
схьаэцча, иштта оцу стоьл
тIехь оьздангалла ларъяр
кхечу къаьмнийн а ду: юучу
хIуманна тIецаветтавалар,
яахIума тIецаIенор, яахIума
юучу хенахь кхечунна хьалха цагIертар… Масане ду
уьш. Стоьла тIехь хилла ца
Iаш, кхин а дукха ду лардан
дезарш. Нагахь санна, и
хIумнаш и лардеш вацахь, и
стаг оьзда воцуш лору.
Ткъа вайн халкъалахь и
хIумнаш лардеш хилла. Цундела оьздангалло вайн дахарехь йоккха меттиг дIалоцу.
И иштта хилла хилар вай
лакхахь далийначу дийцаро
а гойту. Ткъа дийца и тайпана хIуманаш вайн халкъана
юкъахь дукха ду.
Оьзда стаг даима а къовлавелла хуьлу. Шех нахана
новкъарло ца йо цо. Цо массо
хIума лардо. Цуьнан вахарвар цхьанна а новкъарло
йоцуш хуьлу, тIедухучуьнца
а хуьлу оьзда, иштта шен
мотт а ларбо цо товш доцчух, эхьечух. Кхин а дуккха
а ду уьш оьздачу стага лардийраш а, лардан дезарш а.
И хIумнаш лардича хуьлу
цуьнах оьзда стаг. Оьздангалло ша ахь ларйича, цу
адаман мах хьалабоккху. И
шеца йолу стаг юкъараллехь
лору. Амма цо и ца лелаяхь,
цуьнан мах а, цуьнга ларам а
охьаболу. Баккхийчара шайн
къамелехь цхьаъ хьахош даладора: «Оьзда стаг вара иза,
оьзда зуда яра иза, яхь йолуш
стаг вара иза, яхь йолуш
стаг яра иза…», -олий. Цо
гойту «оьзда» бохучу дашца
а хадабой адаман мах. Оьзда
стаг ву аьлла, цкъа цуьнан
мах хадийна ца Iаш, и цIе оцу
стагал тIаьхьа а дуккха яха
юьсуш хилар гойту цо.
Оьзда стаг муьлххачу халкъана юкъахь а лаккхара
мах болуш хуьлу. Цундела
аьлла Н. Пенкина: «Лаккхара
оьздангалла–иза шен ненан
мотт хиъна ца Iаш, кхин а
цхьа мотт хаар ду» («Высокий уровень культуры–это и
владение еще одним языком,
кроме радного»). Цо бохучун
маьIна иштта дастало аьлла хета (цуьнан ахь маьIна
даьстича, ненан мотт бац цо
кхузахь буьйцург. Цо бохург:
ахь дуьйцучух и стаг кхетар
а, ца кхетар а ду): ахь буьйцуш болчу маттах и стаг
ца кхетахь а, хьан леларехь,
ахь лелочух кхета муьлххачу
къомах и стаг хилча а. Кхузахь вай юьйцург оьздангалла ю. Ахь шега хIун боху ца
хаахь а, хьо тIедухучу духарца цIена, хаза лелаш хилча,
юург хаза, цIена лелош а,
юуш а хилча, охьахуучохь,
хьалагIоттучохь нахана меттиг юьтуш, хьайх новкъарло
ца еш хилча, и стаг оьзда
стаг вуй хаьа. И хаийта, «И
иштта ву»,- бохуш, дийца
дезаш дац цхьанна а, и кхечу
къомах волчу стагана дийца
цуьнан мотт хаа безаш а бац
. Вай хIинцца ма-аллара, и
оцу стеган леларехь, гуш
а, хууш а хуьлуш ду. Иза
оьздангалла хилар муьлхха
а кхеташ ву. И бу и Н. Пенкина бийцина шолгIа мотт.
Иштта и оьздангаллин гураш
лардеш волу стаг муьлххачу
а къомана юкъахь дIалелало,
ткъа и оьздангаллин гураш
лардеш воцу стаг юьстах
тотту, цуьнца юкъаметтиг а
ца еза нахана. Оьздангаллехула бен балуш бац адамашца цхьана некъ, и хьоьгара
дIаяьллачохь соцуш бу хьан
цаьрца болу некъ. «Адамийн
даг тIера воьжча, Далла а ца
веза»,- олуш хIума ду хьалкъалахь. Цо гойту адамашца юкъаметтиг мел чIогIа
ларъян еза. Ткъа и юкъаметтиг ларъян оьзда хила веза.
Ма-дарра аьлча, хазаллин,
дикаллин, цIаналлин мах
хууш, и ларъеш, и езаш хила
веза. Вай дагардинарш чIогIа
мехала хIуманаш ду. Масала,
тIаьххьара долу «ЦIеналла»
боху дош вай схьаэцча, цуьнах лаьцна бусалба динехь
иштта аьлла бохуш дуьйцу
дешначу наха: «ЦIаналладинан ах дакъа ду». Ткъа
и «цIаналла» оьздангаллин
цхьа дакъа ду. Динехь а мел
чIогIа лерина тIаккха оьздингалла.
Оьзданга лла муха лорур яц, дерриге а хазаниг,
цIенаниг, диканиг цуьнца
хилча ?! Цундела вайн халкъалахь а чIогIа мах болуш
ю оьздангалла. Фольклорехь
хилла ца Iаш, кхин а яздархойн а, поэтийн а дуккха а
говзарш хуьлу оьздангалла
хьехош, юьйцуш. Иза юха а
цкъа оьздангалла вайн халкъан цIийца хилар ду аьлла
хета.
К I о р г г е р а г I и л л а к х -
оьздангалла евзаш, езаш
нах кIеззиг бац вайн литературехь. И вайн халкъан лард
хилла, гуттар йиса лууш бу
уьш. Дерриге шайн дахар
оцу синмехаллашна дIаделла
оцу наха, уьш юьйцуш, уьш
хестош. И синмехаллаш муьлххачу стагехь товш ю. Царна тIехь хьалакхиъна стаг
ларам болуш хир ву.
И иштта мехала хиларе терра, Ахмадов Мусан
«ГIиллакх-оьзданга лла»
цIе йолуш масех том школехь берашна хьоьхучу программина юкъахь яра. Оццу
Iалашонна язйина а яра и
томаш, хIора а классана
бохург санна, ша-ша уьш
билгал ца йохуш. Иза дацара,
вай гIиллакх-оьздангаллина
тIаьхьадисина, вайн тIекхуьу
чкъор телхина бохург. И
школехь берашна хьеха а
хьоьхуш, царна цуьнан мах
хаийтар а, оцу оьздангаллехь
гуттар а уьш чIагIбалийтар
а дара.
 Оьзда стаг ша цхьаъ волчохь а оьзда хуьлу олу. Ша
цхьаъ вара аьлла, аьздангаллех ца вуху иза шен леларехь:
ша Iачохь а, воьдучохь а,
вогIучохь а, иштта, ша цхьаъ
бен воцчохь а, шен маттера
долу дош а лардо цо оьзда
доцучух. Ма-дарра аьлча,
оьзда стаг шена сица оьзда
хуьлу. И вайн халкъаца иштта хилла хилар а билгалдаккха лаьа. Вайна дукха хезна,
«Ша цхьаъ волуш а, логера
нуьйда хуьлура цуьнан даима
а дIаюллий, тIехь пазаташ
йоцуш, берзина ца хуьлура
цуьнан когаш, буьйсанна а
цхьана, орцанна мохь тоьхча,
кийчча хила веза»,-бохуш,
мичча хенахь мохь ма тоьххинехь араэккха мегар долчу
духарца вуьжуш, гIоттуш
хуьлуш хилла бохуш баккхийчара хийлазза цхьацца
нах хьехош, оцу нахах дуьйцуш. «Цара и хьехадора,
дуьйцура» ,-бохург, хIинца
иштта нах бац бохург дац.
Иштта нах тахана а бу.
Цхьацца долу хIума дукха
тIехдаьккхича, оцу адамна дукха ницкъ беш хилахь а, тIехь оьзда хилча,
товш хуьлу. (Вай дуьйцург:
дийнахь санна, тIе бедарш
юьйхина, буьйсанна шен
дегIе сацадаIийтар ду. Иштта
хIуманаш кхин а масане ду…
Вайн дайша шайн оьздангалла чIогIа хиларе терра,
цхьадолу хIуманашца шайна
дукха ницкъ беш хилла)…
Цунна тIехь долчу духарца
а, цуьнан кечваларца а хадабо оцу стеган мах. Иштта
хилла вайн дай. Цхьадолчу хIуманашна тIехь, вайна хьалхара царна тIаьхьа
охьадогIу чкъор а ду дуккха
и хIуманаш хIинца а лардеш.
Д у к к х а а х I у м а н а ш
догIу оьздангаллина юкъа:
гIиллакх, гIуллакх, лерам,
тешам, яхь… ХIинцца дагардина и хIуманаш хIораннан
а шен-шен кхетамаш болуш
хIуманаш ду. Ткъа оьздангалла, и дерриге хIуманаш шена
чу лоцуш, бакхий гураш болуш хIума ю.