Нохчийчоь

Иса Махмудов
Хьан кхоллам бухкучу базарахь воккхачу стага,
Г;аддайча саг;а ца деха,
Лечанан хелхар а хестадеш,
Лекхначу пондаран мукъамо
Халонан б;аьра собарца хьежа
;амийна хьан Нохчо ву со.

Доладан барт хиллачу керлачу дахарна,
Эхь дайна, некъ лаца дуьхьала уьдуш,
Некъ баста кхоьссинчу соьмах а ;ехало
Урамера берийн сур санна,
Хьан дахаран некъ лийца ;еминчарех
Сайна чекх са гина хьан Нохчо ву со.

Хьан чевнех хьаьгначу мостаг;чо
Хьан къомах хиларна шаьш жоьпе а ийзош,
Хийла, ас-со баьхна да дедоьхна висча,
Зударийн доьналлех б;аьрг буьзна,
Церан сий массо а лакхенца дуста
Дуй биъна хьан Нохчо ву со.

«Кхузахь а адамаш деха», - бохуш,
Шайн аьттинчу х;усамах ца бовла,
Д;аьндарго цаца бинчу кевна т;ехь
;аьржачу йозанца орца а яздина,
Адамаша адамалла лоьхуш
Теш хилла хьан Нохчо ву со.

«Х;ара тхуна а ма тайна!», - бохуш,
Лайн амалш къагаеш, юьйцуш,
Шайца бертахь воцург тилла а хеташ,
Диканна сурт х;иттош, питан а хьийкъош
Лелачех ца теша, цаьрга ла ца дег;а
Ч;аг;о йина хьан Нохчо ву со.

Хьан кхоллам бухкучу базарахь
Мах-беркат ца леха,
Сан къоман хиллачух, лайначух
Сайн синан мехаллаш йоьттина,
Азаллин йохаллехь уьш а ца хьешийта
Айса сайна дош делла
Хьан Нохчо ву со!

2017 шо