***

Абу Исмаилов
ШЕКСПИР  УИЛЬЯМ

ОТЕЛЛО


Пхеа декъехь трагеди

Гочйина  Исмаилов Абус





























Дакъалоцурш:

Венецин  дож.
Брабанцио, сенатор.
Кхиболу сенаторш.
Грациано, Брабанцион ваша.
Отелло, Венецехь гIуллакх деш волу, мавр  (Iаьржачу аматехь  стаг).
Кассио, цуьнан эпсар  (меттаниг).
Яго, цуьнан  хьадалча.
Родриго, Венецера  эла.
Монтано, Отеллол  хьалха  Кипран  сардал хилларг.
Забарча, Отеллон  гIуллакхе  хьожуш волу .
Дездемона, Брабанцион йоI, Отеллон  зуда.
Эмили, Ягон зуда.
Биянка, Кассион йиезарг.
ХIордахой, хьадалчаш, кхайкхорхой, эскархой, гIуллакххой, гIалахой,  мукъамхой, ялхой.

Хьалхара  хилам Венецехь бу, вуьйш  - Кипрехь.


















Хьалхара дакъа

1-ра сурт.
 Венецин урам.
Гучубовлу: Родриго а, Яго а.
  Родриго
Кхин  вист ма хила. Эхь ду хьуна, Яго.
Ахча  а ийдеш,  и хилларг  хьулди ахь.
   Яго
Ца хаьара  суна. Ахь  ла ца дугIу соьга.
И иштта нислур  аьлла,  дагахь а  дацара.
  Родриго
И гича а  ца мега, бохуш,  суна
Ахь  хийлаза пуьташ боьттира.
  Яго
Тешалахь хьо,  цуьнца сан шовкъ яц.
Лиераме кхо стаг вара со хьиехош,
Эпсаран даржехь хьакъ ву, бохуш.
Со ван а ву-кх оцу даржехь вогIуш.
Ткъа цуо-м шена хиетарг бен ца до.
Цаьрга цхьа  кийтарлонаш  йина,
Боху: «Сайна ас цхьа эпсар хаьржина.»
Мила ву и? Цхьа йозанча-хьиесапхо,
 Микеле Касьо бохуш, флорентхо,
Цхьана жерочо  Iехийна, цуьнан цIога.
Эскарал хьалхаваьлла, тIаме ваханза.
Низам цунна хIун ду а ца хаьа.
Амма и хаьржина. Отеллона гуш,
Родос а, Кипр а ларъеш хилла со.
Iесачу а, керистанийн махкахь
ТIемаш бина суо ца кхоош ас.
Амма и хаьржина.
Кассио ву мавран  лейтенант.
Ткъа со церан хьадалча хIоттийна.
 Родриго
Хьадалча!?
Цул а  гIолехь дара  чалтач  хьох  хилча!
 Яго
ХIаъ, хIаъ. Цуо шена хьоме хиетарш хоьржу.
Воккхахилар, зеделларг ца лоьруш,
Цуо даржехь лакхаваккхаре сатийсар
Эрна ду. Бахьана дац суна и  мавр  виеза.
Родриго
ТIаккха-м ас, суо хьан метта хилча,
Охьакхуссур дара и гIуллакхдар.
Яго
Сатеделахь. Оцу гIуллакхехь
Сайн  гIуллакх ду кхочушдийриг ас.
Массо а элий болуш дуьненчу ца богIу.
Массо а дика гIуллакххой ца хуьлу.
Делахь а, шайна тIехь олалла диезаш,
ТIехь кхалор йоцуш, мацалла а хьоьгуш,
Варраш санна лакхарчунна вецаш,
Лиелаш  хуьлу цхьа декъаза лай.
Царна  шад етта йиеза! Кхиберш бу,
Шаьш хьакимна дика лоьху бохуш,
Шайн аьттонаш  къайлах хьалхабохуш.
Ишттаниш Iовдал бац. Суо царех волуш,
Дозалла до ас. Со – Яго ву,  мавр  а воцуш.
Церан дуьхьа со къахьоьгуш вац.
Амма сайн  ма-ярра юхь ца гойтуш,
Сайн Iонжар хьаргIанашна  лур ду ас.
ХIан-хIан, хьомениг,
Со, хьуна моьттург воцуш,
Цхьа къайлаха  дехаш,  адам ду.
Родриго
Хьажахь, и  стаммий балдаш долу, шайтIа!
Цуьнца и кхиамашка кхочур ву!
 Яго
Цу йоьIан да самаваккха виеза.
И йеддийла дIахаийта диеза.
ГIала гIатто, доьзал  марсабаккха.
Мозий санна маврна  юххехьовза.
Хазахиетарх  тардалийта Iазап,
Иштачу ирсах  воккхавиер а хадош.
Родриго
ЙоьIан  ден  цIа  хIара  ду.  Ас мохь туху.
Яго
Къамкъарг ца кхоош, гIалахь  цIе  яьлча   санна,
Мохь  хьакхахь  ахь.
Родриго 
Брабанцио! Брабанцио! Самавала!
Яго
Брабанцио, самавала! ГIарол!
Мичахь ю хьан йоI? Ахча мичахь ду?
Къуй  бу, къуй. Шайн тIорказашка хьовса!
Талор! Талор!

Лакхахь  корехь  гучуволу  Брабанцио
Брабанцио
ХIун хилла?  Аш и мохь хIунда  хьоькху?
Родриго
Шун чуьрнаш  массо а чохь вуй-техьа?
Яго
 НеI а чоьхьахула къевлина юй?
Брабанцио
ХIунда хоьтту аш?
Яго
Жоьжахате а, шайтIа а!
Буохам бу шуьгахь. Меттавуола, доттагI.
Хьайна тIе цхьа кхалор кхуолла.
ХIокху сохьтехь цхьа Iаьржа  ка  хила  мега
Эхь-бехк дайна, шун   кIайн  цIинто
Кху Iаьржачу буса сийсаздеш.
Сихое! Чехка  килсан горгал туоха,
Самабохуш  хурден гIалахой.
И ца дахь, хьох ненада хир ву.
Брабанцио
Шу лартIехь дуй?
Родриго
Сан  аз  девзирий  хьуна, сударь?
Брабанцио
Ца девза. Мила ву хьо?
Родриго
 Родриго ву со.
Брабанцио
Велахь, хьайна  вуон ду.  Хьоьга баьхна,
Доцца, кхиета атта а долуш, ма иэха.
Хьуна йоьгIна яц сан йоI. Ткъа хьо,
 ХIинцалц   цхьанхьа  малар муьйлуш Iийна,
ТуртIазваьлла, сан синтем  бохийна,
 Кхуза кхаьчна.
Родриго
Сударь! Сударь! Сударь!
Брабанцио
ДIахаалахь, ас хьо сацуор вуйла,
Кху  сан кIетIа богIу некъ бицбеш.
Родриго
ЛадогIахь цкъа.
Брабанцио
Ахь  гIовгIа  хIунда  яьккхи?
Эвлахь доцуш,  Венецехь  ду вай.
ГIаролхой а бу.
Родриго
Сударь, ас хьо, хIуьттаренна доцуш,
Дика хилийтархьама  гIаттийра.
Яго
ШайтIан дуьхьа  Дела дагалаца! Тхошиъ  хьуна  дика  болх  бан  гIиерта. Ткъа хьо хьайга дуьйцучух ца кхиета. Делахь хIета, Iарбойн  айгIарца,  хьайн  йоI хиларх  хьуна  мегаш  ду-кх.
Брабанцио
Мила ву хьо сийдоцург?
Яго
(Эхь ца хиеташ) Хьан йоIаца хIинца эвхьазвуьйлуш,
Мавр  вуйла хьоьга хаийта веъна ву со.
Брабанцио
Хьо боьха хIума ю!
Яго
Ткъа хьо – сенатор .
Брабанцио
Родриго,  хоьга  жоп  доьхур  ду  ас.
Важа мила ву а,  ца хаьа суна.
Родриго
Ас жоп лур ду.
Со харцхила а мега.
Хьуна хууш хир ду,  и хьан йоI,
Тховса цхьана кеманхочуьнца дIаяхна,
Ша цхьаъ, юххехь оьшуш волу, гIарол воцуш,
Шега хьоьжуш волу мавр волчу?
ТIаккха сайна бехк ца биллар доьху:
Бух боцуш, хьо сийсазварна оха.
Нагахь санна, хьайна тховса хезнарг,
Хьуна  керла хиллехь, нийса вац хьо,
Хьох  кхарда  а ваьхьар вацара со.
Хьан йоI оьздангаллех йоьхна йогIу,
Шен бахам а, сий а, хазалла  а,
ДIаиэйина кхечу мехкан волчу,
Цу  эхьдоцчу  боьхачу маврах.
Хьажал делахь, цIахь юй и хьан йоI.
И цIахь елахь, бехкелара со.
Брабанцио
Серло чехка! ЧIурам кховдабе!
ХIай, ялхой, ялхой! ЧIогIа тера ду
ХIара суна гIенах гиначух!
Бакъхила а  мегаш, хиета суна.
Сихонца схьакховдабейша чIурам!
(ДIавоьду)

Яго
Iодикайойла! Со дIавоьду.
Сан  бакъо яц и мавр бехкиеван.
Со цуьнан карахь ву. Могуьйтур дац.
Цунна гечдийр ду, жимма човха а вина.
ХIинца  Кипр карзахъяллачохь,
Сенато и мукъавоккхур вац.
Мила хир ву, цуьнан  метта хIотто?
БIаьрга ван и ца везашшехь сайна,
Цунна хьалха доттагIаллин байракх,
Гойтуш ву со сайн туьтмIаьжгаца.
Уьш и лаха арабовллушехь,
Цаьрца  гIуо  хьо тIеман гIирс болчу.
Цигахь ву и. Со а хир ву цуьнца.
Со дIавоьду. Iодикайойла.
(ДIавоьду)

Гучубовлу  Брабанцио а, хаьштигаш карахь ялхой а
Брабанцио
Кхиеташ ду.
Иза дIаяхна. Сан  дахар  дIадаьлла.
Родриго, мичахь ю и йоI?
Дакъаза ма яларг! Мавр волчохь  ю и?
Кхул тIаьхьа щаьш дай бу муха  ала диеза!
Хьайна гирий хьуна и? Ямартло ю!
ХIун бохура цуо? Хила тарлуш доцург!
Серло алсамъяккха! Алсам нах  гулбе!
Цара махбина, аьлла, хиетий хьуна?
Родриго
Схьахиетарехь бина хир бу.
Брабанцио
Сан Дела! Ара муха яьлла  и?
Дай, шайн йоIарех  ма тиешалаш.
Масмаликех тера  уьш  хиларх.
ЦIена синош  Iиехош, талхош  долчу,
Холмачаллех тиеша диеза тиехьа?
Хьуна ишттаниг хезний, Родриго?
Родриго
Диешна ас жайнашкахь.
Брабанцио
Сан  вешига схьакахайкха.
Хьоьга  и дIа ца елла,
Тахана со чIогIа  дохковаьлла .
Массо а цхьанхьа ма гIуо,
Диекъалой лаха уьш шина агIора.
Хьуна хаьий, мичахь хир бу уьш?
Родриго
Ас гойтур ду. ГIарол тешамие
Хила диеза. Суна тIаьхьахIитта.
Брабанцио
Вало. Тхо догIу. Соьгахь бакъо ю,
ГIарол  хийца сайна  луъучохь.
Уьш а вайна тIаьхьахIуьттур бу.
Ас диканца биекхам бийр бу хьуна.
(ДIабоьлху.)



2-гIа сурт.
 Циггахь. Кхечу урамехь.
Гучубовлу: Отелло а, Яго а, хаьштигаш а карахь ялхой а.
Яго
ТIамехь нах байъина со велахь а,
Маьршачу хенахь адам диер, ду зулам.
ЧIинчIиралла  йоцуш, ваха  атта
Хир дара суна. Уьттаза шаьлтта Iуотта
Цуьнан  гай тIе, дагаоьхура суна.
Отелло
Ца Iоьттина дика ду.
Яго
Цуо хьох лаьцна боьха къамел дуора.
Сайн кIодалла садиттира ас.
Бегаш боцуш ашшимма  мах бина?
Цуьнан да ву, шиеца ларам болуш.
Цуьнан дош а, хирий техьа деза
Дожан дашал? Цуо шу къасто мега.
Я гIелвийр ву, суьдехь жоьпе ийзош.
Отелло
ХIуммаъ дац. И дIасоцур ву,
ЙоIана со виезийла хиъча.
Нагахь санна шен силсила хестош,
Дозаллашдан иза дIахIоттахь,
Со а ву паччахьан цIийнах ваьлла,
Цунна  хьалха куй тиллина лаьтташ.
Доьзал бу сан кхоллам санна сийлахь.
Дездемона йиезаш яцахьара,
Барам боцуш хьал кховдорах сайга,
Сайн лаамехь долу    мерза дахар,
Зудаялорах  ас хуьйцур а дацара.
Хаьштигашца богIурш муьлш бу? Хьажа.
Яго
Уьш бу-кх уьш. Да ву шен  гергарчаьрца.
Чоьхьа валахь.
Отелло
ХIунда? Со нахах  лечкъаш вац.
Со  цIаро, даржо, дагчуьрчу эхь-бехко
Шиеко йоцуш  бехказвоккхур ву.
Уьш буй техьа уьш?
Яго
Хиетарехь уьш бац.

Гучубовлу: Кассио а,  масех  гIаролхо а хаьштигашца.



Отелло
Дожан гонан эскархой го суна.
Сан  эпсар а ву. ДоттагIий хIун ду керла?
Кассио
Дожо дахкийтина тхо маршаллица.
Цуо ша волчу  дIавуола  сихаллица,
Боху хьоьга тховса, инарла.
Отелло
Цигахь хIун хилла?
Кассио
Юха а Кипр ю-кх, суна хиетарехь.
Цигахь цхьа дагахьдоцург кхолладелла.
Вайн хIордан кеманашкара хаамаш
Бохьуш  кхочу  дукха геланчаш.
Сенаторш самабаьхна гулбина,
Дож волчохь кхеташо дIайолийна.
Хьо лоьхуш вара, цIахь ца карийна,
ХIордан бухара ваккхий валаве,
Аьлла арадаьхна тховса тхо.
Отелло
Дика ду-кх, со шуна карийна.
Со, цкъа кху цIа чу вахна, араволу.
(Чувоьду)
Кассио
Кхузахь и хIун деш ву?
Яго
Киранца  киема  каралаьцна цуо.
И шен дола даккхахь  вехаш хир ву.
Кассио
 Ахь дуьйцучух ца кхиета со.
Яго
 Зуда ялийна цуо.
Кассио
Мила?
Яго
Хьуна хуур дац.
Гучуволу Отелло

ТIаккха, дIагIуо  вай, инарла.
Отелло
Со кийча ву. ДIадоьлху вай.
Кассио
Юхаъ хьо лоьхуш, дожан нах бу тиехьа.
Гой шуна  уьш?
Яго
Брабанцио хир ву.
Ларлуолаш цунах.
Цуьнан дагахь диканиг хир дац.

Гучубовлу: Брабанцио а, Родриго а, буьйсанан гIаролхой а хаьштигашца.

Отелло
Совцалаш!
Родриго
ХIара ву-кх и мавр.
Брабанцио
ХIара ву и талорхо. Туоха цунна!
Шина а агIорчара тарраш баттара  доху.
Яго
Тхо кийча ду. Марша вогIийла, Родриго!
Отелло
Батта дахка тарраш! Царна новкъа  хир ду тхи.
Хьан шераш ду  хьан туьро чул чIогIа
Тхуна Iаткъам  бийриг,  лараме синьор.
Брабанцио
Декъаза къу, сан йоI мичахь ю, Ала.
Хьо шайтано  и   жиналлица Iиехий!
Жинийн лазар  хилар гуш ду вайна.
Хьовсийша , хIай нах: малик санна йолу,
Мареяхар хьахуор ца ловш   хилларг,
ЦIа а, цIе а, бахам охьатесна едда,
Нехан  аларх, кхиера а ца луш,
КIурзал  Iаьржа  волчу  кху дожалан
Караяхна! ЛартIехь  дуй и ткъа?
Холмачалла  доцуш, муха   хир  ду?
Ахь  цунна къайлах молха  малийна.
Дихкина долу холмачалла лиелош,
Хьо хиларна, лаца виеза хьо.
Схьалаца иза, дуьхьало ян гIортахь,
Нуьцкъаца лаьцна, дIавигий чуволла!
Отелло
ДIадовла гена, куьйгаш  тIе  ца кхийдош!
Шу а, шу а. ЦIий Iаночу далахь,
Лиело диезарг хууш ма ву со.
Бехказвала  стенга ваха виеза?
Брабанцио
Хьалха  набахтие. Цу чохь жимма Iийча,
Бартхаттаре  кхайкхича.  Жоп лур ахь.
Отелло
ХIинца аш бохург дина, со кIелсацахь,
Дожо хIун  эр ду? Цуьнан геланчаш
Бу кхузахь лаьтташ, соьга цига кхойкхуш.
Хьалхара  бIаьхуо
ХIаъ, сударь, гIуллакх иштта  ду.
Дож волчохь  леррина кхеташо  а ю.
Хьо а  цигахь хила виезаш вуй те?

Брабанцио
Дож волчохь буьйсанна кхеташо?
Дика хир ду. Цига гIур ду вай.
Сан сингаттам могIарера бац.
Вайх массарах хьакхалуш а бу.
ХIара саннарг тергал ца деш дитахь,
Iесачу лайн олаллина кIелахь
ТIаккха вайн  Венеци юьсур ю.
( ДIабоьлху)

3-гIа сурт.  Циггахь. Кхеташонан зал.
Стоьла гондахьа Iаш бу: Дож а, сенаторш а. Ирахь  лаьтташ бу  эпсарш.

Дож
Вовшаца уьйр йоцуш бу хIара хаамаш.
Царах тоьшийла яц.
Халхара сенатор
 Галморзахаллаш ю.
Соьга яздо, бIе ворхI хинкема ду, бохуш.
Дож
Ткъа соьга – бIе шовзткъа
ШолгIа сенатор
Соьгахь  ши  бIе  ду.
Нийса хьесап дац.
Амма, туркойн  доккха  хIордан  эскар 
Хинкеманашца  Кипрана тIегIертар
Шиеко йоцуш долу бакъдерг ду.
Дож
ХIаъ, аьлла  и терахьаш   галдевлла,
Вайн Iойла дац хIинца паргIатдевлла.
Коьртаниг  къаьхьа бакъдерг ду.
ХIордахо (сцени тIехьара)
ХIай, чувитийша!
Хьалхара гIуллакхо
 Кипрера  геланча ву
(Чоьхьаволу хIордахо)
Дож
 Муха ду цигахь?
ХIордахо
Туркойн  хинкеманаш 
Родосе  кхочуш дохку
Бохуш,   хаам бо Анджелос.
Дож
Муха  хиета  шуна   хIара  хийцам?
Хьалхара  сенатор
ЛартIахьдоцург. Уьш вай  Iиехо гIиерта.
ХIилла ду. Родосал  а мехала ю Кипр
Цу туркошна, схьаяккха атта а ю.
Родос ма ю ша цхьа онда чIагIо.
Шайна аттаниг ца хууш бац уьш.
Дож
Церан Iалашо  и Родос яц.
Хьалхара гIуллакххо
Кхин а цхьа  геланча схьакехчи.
(Чоьхьаволу геланча)
Геланча
Дож, кхеташо!
Родосан  юххехь  кхечу  киеманшца 
Цхьаьнакхийти  туркойн киеманаш.
Хьалхара сенатор
ДIаиэца шайна. Суна хууш дара.
Дукха дуй тIекхетта киеманаш?
Геланча
Ткъе иттех киема. ХIинца юхадоьрзуш,
Кипр йолчу дIегIиерташ ду уьш.
Хьан тиешаме ялхо волчу, Монтанос
ДIахоуьйту, ша  юхавер вац, бохуш.
Дож
Кипре боьлху. Ас  бехира шуьга!
Лукрезе Марк  кху гIаличохь вуй?
Хьалхара сенатор
Иза Флоренцехь  ву.
Дож
Кехат яздай, чекха кхайкха цуьнга.
 Хьалхара сенатор
 Брабанцио а, майра мавр а вогIу.
 
Чоьхьабовлу: Брабанцио а, Отелло а, Яго а,
Родриго а, тIаьхьахIиттинарш а.

Дож
Доьналле  Отелло, хьо сихонца
Цу туркошна дуьхьал вала виеза.
Брабанцио, дика ду хьо веъна,
Хьоьгара  а накъосталла оьшу.
Брабанцио
Суна а гIо оьшу хьоьгара, дика дож.
Хала ма хиета, кхин бахьана долуш,
Тховса  хьо волчу схьавеъна со.
Сан даржо ца гIаттийна, я тIом бац,
Сан сагатдеш, кхечу лазамо
ДIалаьцна сан ерриг ойланаш,
Кхин гIайгIабан меттиг а ца буьтуш.
Дож
ХIун хилла?
Брабанцио
Сан йоI, и сан йоI!
Дож а, сенаторш а
Цунна хIун хилла?
Брабанцио
Иза  хIаллакйина,  тховса иза йийна!
Жиналлица,  бозбуунчаллица
Нуьцкъаша дIайигна и Iиехийна.
Хьекъале а, хаза а, могуш а
Яра иза, ша гIалат ца яллал.
Амма  хилларг ду цхьа холмачалла!
Дож
Хьекъалх талхош, ойлаян ца юьтуш,
Хьан йоI йигна и къу милла а велахь,
Вайн жоьпаллин жайнахь айхьа лаха,
 Цунна  дан магийна долу таIзар.
Айхьа кхел е, и сан кIанта велахь а,
 Цу  девнна со юкъагIуртур вац
Брабанцио
Даггара баркалла боху хьуна.
ХIара ву-кх и бехкениг, ахь
Кхуза схьавехна волу мавр.
Дож а, сенаторш а
 ЧIогIа халахиета!
Дож
(Отеллога)
Ахь  дуьхьала  хIун  эр ду
Брабанцио
Ала хIума дац и бакъдерг ду.
Отелло
Сенаторш, лакхарчу даржехь  долу,  шу –
Сан куьйгалхой! ХIун  ала  диеза ас?
Дарие до ас, кхуьнан йоI ю соьца.
Бакъ ву хIара.  Сан зуда хилла  цунах.
Иштта бу-кх сан бехк. Къин къинош  хаац суна.
Со маттана шера вац. БархI шо кхочуш,
Эскарехь  гIуллакхдан вуолавелла,
Ас сайн дахар  тIомбарна  дIаделла.
ТIамах лаьцна бен кхин къамелаш дан,
Хууш вац со. Ишшта ду-кх сан дийцар,
Кхо  шен йоI ас, холмчаалла лиелош,
Iиехийна, бохуш сох бехк баккхарх.
Брабанцио
Шаьш хьовсийша, муха вац и бехкен?
ГIулчъяккха  кхоьруш, экаме и яра.
Хьажал хIинца и мичара даьлла –
Оьздангалла, эхь-бехк дицдина,
ТIехьажа ца товриг виезавелла!
Ишттаниг  ткъа  муха чIагIдийр ду.
Кхузахь гуш ду холмачалла лиелор,
Цуьнан лаам малбеш, цхьа  дIовш малийна.
Дож
Хьан бехкбаккхар бух боцуш ду, аьлла,
Хиеташ ву, схьагуш  даьлел  дац.
Хьалхара  сенатор
Алахь, Отелло,  дарий цигахь хIилла,
Я шина сино къамел дечу хенахь
 ЦIена биезам  бара кхоллабелла?
Отелло
ТIеман гIирсаш болчу гIопе гIой,
Цуьнга шиега иштта хаттар дай,
Къастадейша, тIаккха  оьшуш делахь,
Даржах  ваккхий, сох шайна луъург  де.
Дож
Дездемона  схьаялае  кхуза.
Отелло
Хьадалча царна некъ дIагайта ахь.
(Яго а, масех гIуллакххо а дIавоьду.)
Уьш схьабахкале  ма-дарра ас
Дуьйцур ду, муха  летира
 Тхойшиннан  и биезаман  цIе.
Дож
 Дийцал, Отелло.
Отелло
Со кест-кестта цаьргахь  хуьлуш вара  .
Цуьнан  деца къамел дечу хенахь,
Айса мел лиелийнарш дуьйцура:
Айса бина тIемаш, лайна халонаш,
Бераллера дуьйна таханналц,
ХIордашкахь а, лаьтта тIехь а лайнарг,
Iожаллех со муха кIелхьарвийла.
Цкъа йийсаре кхаьчна, лай веш воьхкина,
Цигара со муха паргIатваьлла,
Дуьйцура:  ас гина лекха лаьмнаш,
КIорга  баххаш  долу,  луьра Iаннаш,
Туьйранашкахь санна долу  хьиехаш,
Адам дууш долу,  акха къаьмнаш.
Сан дийцаршка лудугIура йоIа.
Ша цхьанхьахьа  дIасаяла дезча,
Сецначуьра  кхин схьадийца, бохуш.
И хуьлура. Лаам кхочуш беш,
Ас  юх-юха  баьхнарг карладоккхуш,
Дуьйцура  цунна. Сан къоналлех лаьцна,
Ца ларбелла   дуьххьарлера  биезам.
ДегаIовжам  хуьлуш  и  дIабиерзар,
Ас дийцича, дакхий синош дохуш,
 Йоьлхуш  яра иза: «Хьажахь цуьнга !» - бохуш,
-Ма инзаре дахар!  Со цецъяьлла.
ХIунда хии суна  хьан къайленаш? 
Хьох  тера йоцуш,
Со дуьнечу хIунда яьлла?
Баркалла хьуна. Нагахь хьан доттагI хилча,
Цунна со езаелча, дийцийта цуьнга
Ахь ма-дийццара, со реза хир ю.
Хаийтира  и езийла  сайна.
Сан  майралла хир ю цунна тайна.
Суна тайра цуьнан дегайовхо.
Иштта дара сан  холмачалла.
Дездемона а ю кхуза йогIуш,
Цуьнга шиега хатта мегар ду.
Чоьхьабовлу: Дездемона а, Яго а, гIуллакхой а.
Дож
Ишттачу дийцаро-м, схьахиетарехь,
Тхан йоI  а  Iиехо тарлора.
Брабанцио, хилларг маго диеза,
Корта беттарх буохалур бац пен.
Брабанцио
Кхуо хIун олу, хьовсур ду вай цкъа.
Ший а бертахь долуш хилларг делахь,
Кху мавре ала хIума дац.
Схьахилал  цкъа, алал кху чохь болчех,
Мила ву, ахь дан диезаш цуо аьлларг?
Дездемона
Дада, сан  диекхар  шалхадуьйлу:
Хьо ву  дахар делларг, со кхиийнарг.
Дахаро а, кхиетамо а боху:
Ахь аьлларг дар ду –  сан йоьIан диекхар.
И лаьтташверг  мар ву сан.
Мацах сан нанас санна,
Шен йоьIан диекхар
Хьан дикехарца хуьйцуш,
Бина  харжам ас а бина.
ТIейогIучу ханна
Цунна муьтIахь йолуш,
 Со  йиехар  ю.
Брабанцио
Дала Iалашйойла.
Хьан сийлалла, со хIинца кийча ву
Пачхьалкхан гIуллакхашка хьажа.
Сайниг кхиочул а нехан йоI
Ас кхиийнехь гIолехь хир дара.
Мавр, ирсе  хуьлда. Ас бохург хилча,
Гур яцара хьуна и сан йоI.
Ткъа хьо, сан малик, дика  хиета суна,
Хьо йолуш сан цхьаъ бен йоцу йоI.
Хьан йижарий хиллехь. зIенаш йоьхкуш,
Царна таIзар диеш ас доькхур дара.
Кхин ала хIума дац сан, хьан сийлалла.
Дож
Ас тIетухуш цхьа хьиехар дийр ду:
Хьуна хьалха  уьш  сапаргIатдаьлла,
Хилийтархьама дицде дIадаьлларг.
Керлачу  буохамал  а  хала хуьлу,
Хьалха хилла буохам дагахьлаттор.
Баланашкахь уггар гIолехь дерг,
Ду и сингаттам тергалцабар.
Брабанцио
Туркошна вай Кипр дIалур яц.
Хилла даьлларг дицдан атта дац.
Шегахь иштта сингаттамаш бацахь,
Атта ду, нахана хьиехар дан.
И баланаш кийрахь сиецош волчо,
 Муха  дицдийр ду, ца хIуттуш холчу?
Дешнаша дагна ца йо гIоли,
И ца хуьлу  синан лергахула.
Цундела, цхьа диехар до ас хьоьга:
Пачхьалкхан  гIуллакхаш дийца вай.
Дож
Дика ду.
 Туркой боккхачу ницкъашца Кипрана тIегиерташ бу. Кипран чIагIонаш  дика евзаш ву хьо,  Отелло. Оцу гIайренан куьйгалхо,  шиеко йоцуш, дика стаг велахь а, тIеман хьолехь оцу даржехь  цIейоккхуш верг оьшу. Массара а бохург санна, хьо магийна. Хьайн къоначу ирсана  хало хилахь а, оцу новкъа вала кечло.
Отелло
Халонаш лан Iемина со ву,
Аренашца  буьйсанаш а йохуш,
Хазахиеташ  гIур ву туркойх латта.
Цхьа диехар ду, сан зуда дIатаръе,
Цуьнан схьаялар тидаме оьцуш,
Хьакъйолу  хIусамаш, харж  а луш,
Цуьнан гIайгIа бан ялхой а хIоттош,
Дож
Цкъачунна шен да волчохь и Iайта.
Брабанцио
Со дуьхьал ву.
Отелло 
 Со  а ву дуьхьал.
Дездемона
Со а дуьхьал  ю.
Юх-юха сайн дена
Хилларг   карладаха лууш яц со.
Ас дан диезарг  эр ду шуьга.
Дож
ХIун  ала йоллу, Дездемона,  хьо?
Дездемона
Даима суо цуьнца хила лууш,
Мавр дукхавиезавелла суна.
Цунах лаьцна дуьнене  ас аьлла.
Цуьнан  майралле а, сийлалле а,
Цуьнан  гIуллакхна  ас  суо дIаелла
Отеллон  хазалла  ю цуьнан хьуьнар.
Цуьнца хилар – соьга  кхаьчна кхаж.
ХIинца тIаме араволуш цуьнца,
ЦIахь  а ца Iаш,  хила йиеза со.
Къастарал а  хьоме хиета киерам.
Цуьнца новкъаялийтийша со.
Отелло
Сенаторш, ас доьху, къобалдейша.
Даго бохург доцуш, бакъдерг ду,
Деган лаам  хьулбалур бу соьга.
Кхуьнан  дуьхьа, хIокхо бохург дие.
Цунна юххехь, хиларх, ас сайн диекхар
Кхочуш дийр дац ма моьттийла шуна.
Купидоно  сан талхийна ойла,
Шовкъе хилла,  сайн гIуллакх дицдахь,
Зударша  сан   тажах  кхаба йойла,
Даимна со цара   сийсазвойла.

Дож
Шайна  юккъехь къастаде и гIуллакх.
Амма,  новкъадовла сихое
Хьалхара сенатор
Тховссехь новкъадовла диеза шу.
Отелло
ЧIогIа дикахиета.
Дож
Iуьйранна исс долуш хIоккхузехь
Юха а  вай вовшахкхиетар ду.
Отелло, ахь цхьаъ кхузахь сацийта,
Цуо тхан  омра тIаьхькхачор ду.
Отелло
ХIара сан хьадалча ву, хьан сийлалла.
Суна  чIогIа ша муьтIахь а волуш.
Дездемона а, кхуьнца ер ю новкъа,
ХIун дан диеза, кхунна хуур ду.
Дож
Дика ду! Буьйса декъал хуьлда.
Брабанцио, ала догIу хьоьга,
КIайчарал а, серло йолуш шиеца
Ву хьуна и шун Iаьржа нуц.
Хьалхара сенатор
Отелло, Дездемона Iалашъелахь
Брабанцио
Тергалъелахь иза, да Iиехийначу
Цуо хьо атта Iиехо тарлуш ду.

(Дож а, сенаторш а, гIуллакхой а дIабоьлху.)
Отелло
Цунах тиешаш ву со сайх а чул а.
Яго, Дездемона ю хьох тиешна.
И схьаяло хьайн зуда яхийта.
Шайн аьтто ма-белли, новкъадовла.
Цхьа сахьт  даьлча со новкъаволу.
Дан дезарш а, ойланаш ю  дукха.
Жимма цхьаьна хан йоккхур  ю вайша.
(Отелло а, Дездемона  а дIадоьду.)


Родриго
Яго!
Яго
ХIун боху, оьзда накъост сан?
Родриго
ХIинца ас хIун дийр ду хаьий хьуна?.
Яго
ЦIа а вахна, охьавуьжур ву-кх.
Родриго
Хин буха гIур ву.
Яго
Ахь и дахь, со  иэгIар ма ву хьоьца.
Родриго
Дахарх таIзар хилча, муха виеха,
ПаргIатонна  Iожалла  ца  лоьхуш?
Яго
Декъаза  Iовдал! Пайдий, хIайдий  хIун  ду, суна  хиъначул  тIаьхьа 28  шо даьлла  со вехаш волу. Цхьа  кучан юх бахьана долуш, со лийр ву, ца олуш, сайх  маймал  хуьлуьйтур  дара  ас.
Родриго
ХIун дие ас? Иштта чIогIа  сайна и йиезаяларх, эхь хиеташ ву-кх со. Дан хIума а дац.
Яго
 Дан хIума дац, тов! Ма алалахь! Вайх  боьзна  бу хьуна  вай хоржуш болу некъ. Вайх муьлхаъ –  беш ю. Ткъа биешахо вайн лаам бу. Нитташ юккъехь , бацалах, къухалахь  я кхечу хьолехь  кхиар  вайн  хIораннан  карахь ду. Хьекъал  дацахьара,  хьокъано хIаллакдийр дара вай. Товшдоцчунна   дуьхьало йийриг хьекъал ду. Хьан биезам –  биешахь  хьаладаьлла  цхьа орамат ду. Хьайна лаахь цунна дола дие, лаахь  ма дие.
Родриго
Иштта хилча-м!
Яго
Хьуна хIун моьтту? Сино дуьхьало а ца еш, карзахдуьйлу цIий ду-кх. Хин буха вахар! Цицигаш а, кIезий а дахийта хин буха.Хьуна гIо дийр ду,  аьлла, чIагIо йина ас.
Ахчанах  хьайн  хьаладузий  бохча, тхоьца новкъавала, харцможаца  хьайн юхь-сибат  а хуьйцуш.  И мавр виезаш, дукха Iийр Дездемона.
Ахчанах   хьаладуза  хьайн бохча. Хийцалуш бу  и мавраш.
Даима а и Дездемона йиезаш хир вац  иза. Чехкачу дIадолоран чехка чаккхие а хир ю.
Алссам ахча чудилла хьайн бохчичу. И мавраш ойланаш хийцалуш бу. ХIинца цунна мерза хиетарг кхана къахьлур  ю. Дездемона а къона ю. Иза а хийцалур ю. И кIорда а вина, дохкоер ю иза. Кхиверг оьшур ву цунна. Ахчанах  хьаладуза хьайн бохча. Хин буха воьдучул   а, кхечу кепара хьажа. Ахчанах хьаладуза хьайн бохча.  Лиела хууш йолчу веницианкин а, акхачу  мавран а барт чIогIа хир бу бохучух, со тиешар вац. И хьан ю хьуна!
Ахчанах хьаладуза хьайн бохча!  Дуьненан марзо а йовзаза, хин буха воьдучул а, хьайн лааме а кхачий, ирхъолийта хьуо.
Родриго
Хьайх тиешначул тIаьхьа, со Iиехор ваций ахь?
Яго
Шек ма валахь.
Нахартех хьаладуза хьайн бохча. Ас хийлаза аьлла хьоьга, юха  а боху, оцу  мавре  чIогIа цабиезам бу сан. Цунна  диекха диезаш дукха ду сан. Вайшиннан  цабиезамаш цхьаьнатухур бу вайшимма. Ахь цунна маIаш  хIоттор ю. Хьуна  там хир бу, суна – боккха синкъерам. ДIагIуо.
Ахчанах хьаладуза хьайн бохча. Кхана  дан диезарг къастор вайша. Iодикайойла.
Родриго
ТIаккха кхана Iуьйранна мичахь  гур вуй вайшиъ?
Яго
 Со волчохь.
Родриго
 Со хьалххе вогIур ву.
Яго
Мегар ду. ХIан, Родриго?
Родриго
ХIун?
Яго
Хин буха вахар кхин хьаха ма диелахь!
Родриго
Ойла хийцаелла сан. Сайн бахам  закъалтан буьллур бу ас.
(ДIавоьду.)
Яго
И тентак  сан  бохчанна  метта  ву, маьхза синкъерам  а бу.
Иштта ца хилча, хан  йойъур а яцара.
Цабиезам бу сан цу  мавре.
Сан зуда йолчу и листина бохуш,
Хаамаш бу, бакъдацахь а и,
Дагчуьра  шиеконаш  дIа ца йовлу.
Делахь хIета цуо со  шеца лору.
Суна аьтто беш и гIуллакх ду.
Кассио ву Iалашонан метта.
Цкъа делахь, и даржах вохор ву.
ШолгIа делахь…Вотталхьан! Дагадеи!
Отеллон  лерехь  шабарш дийр  ду  ас,
Цуьнан  зудчуьнца Кассио товш ву,  бохуш.
ТIехьаьжча а тоьу:  куц  а,  амал а.
Зударий Iиехо вича санна ву.
Хезначух тиешаш, дагахь хIума  доцуш,
Ву и мавр, Iиехо хала воцуш. 
Шиега аьларг бакъхиетар ду цунна.
И хьовзаван атта хир ду суна.
Жоьжахатие, хIай,  хьо Iаьржа буьйса,
Аш сайна гIодарие  ас сатуьйсу.
(ДIавоьду.)


ШолгIа дакъа

1-ра сурт.
Кипрехь хIордайисттера гIала. ГIопан майда.
Гучубовлу: Монтано а. ши гIалахо а.

Монтано
ХIордан  генехь  гуш  хIуммаъ  а дуй?
Хьалхара гIалахо
Дац. ХIуммаъ ца го.. ТулгIенаш ю.
Гата  а дац. Яьсса анайист.
Монтано
Ишшта мох суна  гина бац.
Вайн  чIагIонаш  цIийзаш  лаьтташ  ю.
ХIорда  юккъехь  ирча  хьал  хир  ду!
Лаьмнел  лекха  тулгIенаш тIекерчаш,
Муьлхачу  дечигашка  лалур ду?
Буохамаш  ма  хилахьара  цигахь.
ШолгIа гIалахо
Ловзабаьллачу  хIордо  туркойн  эскар
ДIасхьакхосса  мега. ХIордан йистехь
Латта атта дац. Хьерабаьлла буьзна чопанах.
Цуьнан  цинцаш  стигла  хьалакхочу,
ВорхI вешин ворхI седа, Къилбаседа
Шен чопанца цигахь къайлабоккхуш.
Иштта  дарц со цкъа а гина вац.
 Гучуволу кхоалгIа гIалахо.
 
КхоалгIа  гIалахо
Хаза хаамаш! ТIом  чекхбели.
Туркошна  моьттург ца хили, 
Кеманаш  хIордо аьтта, церан
Кескаш  гина,  киема  кхаьчна  кхуза.
Монтано
Бакъ хир дац!
КхоалгIа  гIалахо
ХIинцца хезна суна.
И киема хIинцца  кхуза схьакхаьчна.
Цу  тIера  охьавоьсси боху Кассьо,
Вайна  сардал  хьажийначу Отеллон,
Керла эпсар иза ву, ма боху.
Монтано
Отелло  хьакъ  ву Кипран  сардал  хила.
Со  воккхавие.
КхоалгIа  гIалахо
И Кассио  ву чIогIа  воьхна  хьийзаш.
Туркойн  хIаллакбинчу  Деле  доьхуш,
Вайн Отелло дийна вита, бохуш.
Цуьнан  киема  хаалуш ца хилла.
Монтано 
Дала Iалашвойла  и.
И волчохь  гIуллакхдеш  со хилла.
БIаьхо санна куьйгалхо и  ву.
ГIой цу киемане хьовсий вай,
Отелло схьакхачаре  ладугIуш цигахь.
КхоалгIа  гIалахо
Кестта и схьакхача тарлуш ву.
Гучуволу  Кассио.

Кассио
Отелло кхузарчана чIогIа виеза!
Баркалла  шуна. Дала Iалашвойла!
ХIорд  карзабаьлча, къайлаваьлла и.
Монтано
Муха  ду цуьнан киема?
Кассио
Керла  ду. ЧIогIа  дина ду.
Цуьнца  волу  штурман
Лиелла борз  ю. Сан сагатлахь а,
Дерриге а  дика чекхдер ду.
( Сцени тIехьа аьзнаш.)

 Гата, гата, гата!
 Гучуволу воьалгIа гIалахо.


Кассио
И хIун маьхьарий  ду?
ВоьалгIа  гIалахо
ХIордан йисте уьду гIалахой,
Гата го бохуш, маьхьарий а хьоькхуш.
Кассио
Суна хиетарехь, Отелло ву.
(Йоккхачу  тоьпан кхоссар хеза.)
ШолгIа  гIалахо
Хьо бакъхила  мега.
И вайн киема долчух тера ду.
Кассио
Билггал бакъдерг хаа йиш юй техьа?
ШолгIа   гIалахо
ХIиннца хьожу со
(ДIавоьду.)
Монтано
Хьалха санна  ву иза, я зуда ялийна цуо?
Кассио
Ялийна, боккха аьтто хуьлуш.
Хаза ю, малик санна, дуьйцийла йоцуш.
(ШолгIа гIалахо юхавогIу.)

Мила ву хиин хьуна?
ШолгIа гIалахо
 Цхьа  Яго ву-кх,
Инарлин хьадалча.
Кассио
Ма сиха кхаьчна! Хила йиш ма яц!
Вуй те иза? И хIун чехкалла!
Дездемонин хазаллина хьалха
 Къерахилла тIулгенаш а, тархаш,
Дорцо  некъ а гайтина техь цунна.
Монтано
Хьанна?
Кассио
ХIинцца хьалха хьахийнайолчунна.
Хьаькамийн хьаькамна,  инарлин зудчунна.
Цуьнца  Яго – инарлин хьадалча.
КIира даьлча уьш  схьакхочур бохуш,
Iаш вара  со. ХIинца  махо гата дусадай,
Отеллон киема кхуза кхачадойла,
Вайн  гIалахойн  дог-ойла а гIаттош,
Кипрехь самукъане хуьлуьйтуш,
Кхочийла  Отелло а сихонца,
Шен  хьоме Дездемона маракъуьйлуш.
Хьовсийша!
 Гучубовлу: Дездемолна а, Эмилия а, Яго а,
Родриго а,  тIаьхьахIиттинарш а.
Кеманан  бахам хIордайистте кхаьчна!
Цунна хьалха гуорахIитта вай.
Кипран дика хьаша хьох хуьлийла!
Дала къобалдойла хьан схьакхачар!
Дездемона
Баркалла, Кассио.
Сан  майрачух хIун олу ахь?
Кассио
И новкъахь ву. Кхин хIууш хIума дац.
И могуш ву. Кестта кхузахь хир ву.
Дездемона
Ас сагатдо.
Шу мичахь дIасхьакъаьстина?
Касссио
 ХIорда  юккъехь, стигал, латтий  иэдеш,
ТулгIенаш карзахъяьлла хьийзачохь.
Хезий шуна?  Маьхьарий ду детташ.
Киема гучудаьлла хила мега.
(Сцени тIехьахь аьзнаш.)

Гата, гата!
(Йоккха топ кхуссу.)

ШолгIа гIалахо
 Юхаъ шатлакх. Вайниш хила тарло.
Кассио
Цхьаъ вахийта, хIун ду хьажа цигахь.
(ШолгIа гIалахо дIавоьду.)
Марша вогIийла, хьадалча.
Марша йогIийла, хьаша.
(Эмилина барт ло.)
Ас  совдаьлла  гIиллакх лиеладахь а,
Яго, и сан оьздангалла ю.
Яго
Воккхавие хьо, цуо  балдашца хьостуш,
Со маттаца чиехаво, ца кхоош.
Дездемона
Эмили-м яц иштта  маттана шера.
Яго
Суна дика хаьа.Буса наб тIегIерташ,
ЛадегIна ас цуьнан  хабаршка.
Шу долчохь цуо йист ца хуьлуш,
Къайлах, шен  дагахь  шайтIане хьиежаво.
Эмили
Суна хьакъдоцург ма дийцахьара.
Яго
ХьошалгIахь  шу  суьртах тера хуьлу.
ЦIахь кIаркIар а хуьлий диека шу.
Цициг  санна  кхерча  юххехь хуьлу.
Бехказлонаш,  ира  мIараш йолу.
Дездемона
Мотт ма карча хьан! Бакъдац  ма иза!
Яго
Бакъ ду иза. Эладитанча вац со.
ГIуллакх ца дан, меттара шу гIовтту.
Ткъа  гIуллакхаш меттахь деш ду шу.
Эмили
Кхуо со хасторе, ас  са ца туьйсу.
Яго
Сатийса а ца оьшу.
Дездемона
Ткъа со хастош, хIун эр дара ахь?
Яго
Ма хетталахь.  Со Iемина вац.
Хасторал а, нехан анташ  гайтар –
Бу сан   некъ.
Дездемона
ХIорда  йисттехь хIун ду хьажа цхьан а
Вахний техьа?
Яго
Вахначух тера ду.
Дездемона
Ма сингаттам бу! Ца догIучу дагца
Шун къамелна юкъагIиерта со.
Алахь тIаккха, ахь  со хастор  ярий?
Яго
ХIинцца. Со ала воллург, сан хьен чу а летта,
Багара арадала ца туьгу. Ткъа доцца аьлча:
Хьекъале  хаза  йоI дика ехар ю.
Кхиетамо  лехнарг хазалло доккхур ду.
Дездемона
Дика  ду делахь. Ткъа хьекъале  йолчу
Ирчачу  йоIах  хIун эр дара  ахь?
Яго
Хаза а йоцуш,  кхиетаме и елахь,
Хазъяла некъ цунна карор бу.
Дездемона
Ахь дуьйцучух кхиета атта дац.
Эмили
Хаза а йолуш, Iовдал  хилча, тIаккха? 
Яго
Бер дан ца хууш, Iовдал хазаниш
Дуьненчохь  цкъан а хуьлуш бац.
Дездемона 
Къанбелла чу  Iовдалшна  товр йолуш забарш ю. Ирча а, Iовдалниг хьайна нисъелча, хуур дар-кх  ахь хIун до.
Яго
Хазалла  гIертачу ирчалла а гIиерта.
Зудчуьн хьекъал  санна  ду  хьеръялар  а.
Дездемона
Ледарчух  ахь уггаре  дика  эли. Забарш а йитий, алахь, цайиезачара лорур а йолуш, муха хила йиеза  дика зуда?
Яго
Шен куьцаца тайна, гIиллакх долуш,
Ца оьшучохь  дукха луьйш а йоцуш,
Шорта хиларх ахча а ца дойъуш,
Саьхьаралла шен сица а йоцуш,
ОьгIазалла шен дагчохь а сиецош,
Шен дегIана доладан а хууш,
Нагахь санна ишттаниг елахь,
И зуда хьакъ ю…
Дездемона
ХIа-ан?
Яго
Iовдал бераш кху дуьнечу даха.
Дездемона
Хьан къамел ду Iовдал!
Эмилия, хIара хьан майра хиларх,
 Кхуьнга   ла ма диегIа.
Кассио, кхуьнгара  кхин хIун хезар ду,
Ша и маьттаза  эхьдацар биен?
Кассио
БIаьхо ву и. Товш ду  я дац, ца хоьржуш,
Юхь дуьхьала шена хиетарг олуш.
Iилманча вац.
Яго (агIорхьа)
Цуо  зудчуьн  куьг схьалоцу. Иштта, иштта. Шабарш дие аш. ХIокху  гезганмашица Кассио санна болу, боккха моза лоцур бу ас. Хьажахь, ма чIогIа  гIиллакхе и ву. Виелакъиежа хьо! Там хуьлий, шен  пIелгийн буьхьигашна барт ло. Барташ баха ахь. Хьо эпсаран даржах воьхначул тIаьхьа, хIун лиелор ду ахь! Хьовсийша юхаъ ша шщен пIелгашна барташ боху.
Сцени тIехьа зурма йиека
(мохь тухуш.)
Мавр ву иза.
Цуьнан хаам бевзаш ву со дика.
Кассио
ХIаъ иза ву мавр.
Дездемона
Цунна дуьхьал гIуо вай.
Кассио
ХIара ву и ша.
Гучуволу  Отелло шен гонахарчаьрца

Отелло
Сан  тIемало!
Дездемона
Сан  Отелло!
Отелло
Хьо сол хьалха кхуза муха кхаьчна?
Дарц чекхдаьлча, иштта хуьлуш хилча,
Йочане сатуьйсур  дара ас  даим..
ХIинцца вала аьтто хилча сан,
Кхин  ирсе  хуьлийла ма дац.
Дездемона
Дала ма дохьийла!  ХIинца дуьйна
Дахаро вайшинна ирс лур ду.
Отелло
Амин! Ахь ма-бохху хуьлда.
Сайн ирс дийца суна хала ду.
(Маракхиета ший а.)
Хьанчул сиха  сан дог деттало.
И ю-кх вайна юккъехь башхалла.
Яго
 (агIорхьа)
Хаза  сурт ду! Ас сайн  болх болийча.
Аш муха локху хьовсур ду вай таккха.
Отелло
ГIопе доьлху вай. ДоттагIий, керланаш:
ТIом чекхбаьлла. Туркой  хин чу бахна.
Ткъа Кипрехь  муха ду? Хилла со кхузахь.
Дездемона, хьо куьйгаш тIехь  лиелор йолуш бу,
Сан  шира хьеший. Со лоруш бу уьш.
Вехча санна, дукха луьйш ву со, воккхаверна.
Яго, киеман тIиера тIорказаш схьая,
Капитан а хьайца кхуза схьавалаве ахь.
ЧIогIа дика адам ду иза.
Делахь, Дездемона,  хIинца вайшиъ
Кипрехь ду-кх.
Отелло а, Дездемона а, тIаьхьахIиттинарш а дIабоьлху.


Яго (цхьана ялхочуьнга) Вало, хинкиеманаш долчу гIой, соьга хьиежа. (Родригога)Схьавоьл цкъа. Хьо боьрша велахь, биезамо кIилло а майравоккху. ЛадуогIал. Дездемона лейтенант дагавоьхна йолчух тера ду. Кассио буса  гIаролан куьйгалла дан диезаш ву.
Родриго
Кассио дагавоьхна тов? И хIун къамел ду?
Яго
Юкъа а ца лелхаш, ладуогIа  соьга. Дагадаийта хьайна, мел чIогIа виезавелира цунна и мавр. ХIун бахьана долуш? Мавран даккхий  хабарш а, цуьнан дозаллаш а кIордор ду зудчунна. БIаьргана ган хIума оьшу. ХIун синкъерам бу даима  шайтIане  хьиежарх? Хьиестарша гIелдина цIий юха карзахдаккха, хаза куц-кеп оьшу, оьздангалла  оьшу,  цхьана хенара хилар оьшу. Маврехь уьш дац. Дездемонин  лаам  кхочушхиланза буьсур  бу. Мавр кIордор ву цунна. Кхиниг оьшур ву цунна. ТIаккха  уггаре  а хьалха цуо шена юххе воьуьйтур верг Кассио ву. Кассио, ишттачу хьолах пайдаоьцур  болуш, цхьа  дийнат  ду. Аьтто баьлча бIаьрга эшарехь а, куьйга эшарехь а  шен луург дан хьожур волуш а ву.Иза  къона а, товш а ву. Цхьа дийнат ду-кх. ХIинцале  оцу зудчо и хаьржинчух тера а ду.
Родриго
Оцу зудчо-м хаьржина хир вац иза. Ца тиеша со. ЧIогIа  цIена стаг ма ю иза.
Яго
ТIехцIена ю, хьо пекъар-яI! Ахь муьйлург  санна ду молу чагIар. ТIехцIена ю, тов! Мавр хIунда виезавелла цунна тIаккха? Хьуна ца гира ткъа, хIай  догцIена хьо  пекъар, цуо Кассион куьг ловзош?
Родриго
ХIун  ду тIаккха? И  гIиллакхан кеп  яра.
Яго
Кхьахьпалла  олу цунах. ПIелгаш тIиера дIадолалой, мича кхочу хаьа вайна..Церан балдаш мел герга дахнера, шинний а садиеIар иэлуш. Боьха  лаамаш бу  уьш, Родриго. Цу тIе даьлча, коьртаниг а гена дац. ЛадогIа, сударь. Ас  Венецера схьавалийна хьо. Салти санна  гIопехь хане хIотта. Соьга далур ду и. Кассиона хьо вевзаш а вац. ЧIогIа къамелаш деш, эвхьазвуьйлуш, и карзахваккха хьажа. Со юххехь хир ву.
Родриго
Дика ду.
И чехка ву. Цуо  хьуна  муьшка тухур. ТIаккха  ас и нахала доккхур ду. Эпсаро салтичунна туохар  могуьйтуш дац кхузахь. И иэхье ду. Наха и  даржах вохавие эр ду. И вайшиннан   коьрта мостагI ву.
Родриго
Оьшуш делахь, ас  ахь бохург дийр ду.
Яго
Хьоьга бохуш хилча, оьшуш ду. Жимма Iийна гIопе хьо схьавуола. Со хIордайистте ваха виеза.
Родриго
Iодика йойла.
(ДIавоьду.)
Яго
Со суо а хIинца-м воьлла  цунах тиеша,
Дездемоний, Кассиой вовшийн диезарх.
Сайна чIогIа  мавр ца виезашшехь а,
Хаьа, иза  оьзда, цIена вуйла.
Дездемонина тиешаме мар
 И хиларх  шиеконаш яц сан дагчохь.
Цу зудчо-м со а  ма Iехийна.
Тамаш а бац. Отеллон  цатам бан,
Кийча ву со. ШайтIано сан зуда
Маракъийлина, бохучу ойлано
ДIовшо санна багабо сан кийра.
Зудчун дуьхьала шен зуда схьало,
Ца лахь, ас и хьеравоккхур ву,
Шен  зудчух шиеквуьйлуш,
ХолчухIоьттина, хьийзар ву и.
Родригос  Кассио а хьовзор ву,
Отеллон  шиеконаш  совйохуш  чIогIа.
Массарах  хьакхалур  ду. И лейтенант  а,
Суна  хьалха биехке хила тарло:
Ву и шиъ, зударий Iиехо говза.
Суна  баркалла  мавро ала диеза,
Ас бохорна шен и бертахь доьзал,
Сийсазвина, нахала  а воккхуш.
Дозаллаш  дан  хIинцаъ хьалхие ду.
Дагалаьцнарг вовшахтаса диеза.
(ДIавоьду.)

2-гIа сурт. Урам.
Гучуволу, карахь яздина омра а долуш,   кхайкхорхо.
Цунна тIаьхьахIоьттина  тоба ю.
Кхайкхорхо
Оьздачу, доьналлечу инарлас Отеллос  дIахьиедо: ТIаьххьарлерачу хаамашца, туркойн хинкиеманаш  дорцехь хIаллакьхилла. Цунделла меттигерчу бахархошна шайна  луучу кепара  самукъане цIераш лиетон бакъуо ю.Оцу хазахиетарца цхьаьна  даздеш ду инарлас зудаялор а.  Сарахь пхи сахьт даьллачул тIаьхьа буьйсанна цхьайтта сахьт даллалц бахархой  гIопан хIусамашка буьтур бу. Дала къинхетам бойла вайн  оьздачу а, доьналлечу а инарлех Отеллох!
(ДIавоьду.)
3-гIа сурт. ГIопера  йоккха чоь.
Гучубовлу: Отелло а, Дездемона а, Кассио а, тIаьхьахIиттинарш а.

Отелло
ГIаролан  терго  хила  йиеза, Кассьо.
Маларца уьш  гал ма бовлийталахь.
Кассио
ГIаролхошка  Яго  хьожур  ву.
Ас айса тергалдийр ду гIаролш.
Отелло
Яго  шен диекхарна тиешаме  ву.
Буьйса декъал хуьлда. Кхана хьовсур  ду.
(Дездемонига.)
Яло, хьомениг, садоIур ду вай.
Отелло а, дездемона а, тIаьхьахIиттинарш а дIабоьлху.
Гучуволу Яго.
Кассио
Дика ду хьо схьакхаьчна.
ГIаролашка хьожу вайшиъ.
Яго
Хьалхе ду, лейтенант.
ХIинцаъ итт ца даьлла.
Инарла сихваларх тамаш бац.
Ишттачу нускалца дуьххьара буьйса
Яккхаре  хьан сатуьйсур дац?
Кассио
Башха зуда!
Яго
ЦIарах  юьзна  ю.
Кассио
Шиеко йоцуш, миллаъ Iиехор волуш,
ЦIена адам.
Яго
Ткъа цуьнан хьажар!
Цуо тIевоьху шена.
Кассио
Эсала хьажар ду. Кхин хIуммаъ дац.
Яго
Ткъа цуьнан аз?Дуй  и биезаме кхойкхуш?
Кассио
ХIаъ. И ала хIума доцуш ю.
Яго
Къобал  хуьлда  церан  барт.
Лейтенант, чагIар ду сан  кийча.
Меттигера  хьоладай а бу,
Iаьржачу Отеллон  тIиера  мелча,
Тховса   бакъахь хир ма дара, бохуш.
Кассио
Тховса мегар дац, сан доттагI Яго. Суна  мала ца мега. Корта гIийла бу сан. Кхечу кепара вовшех марзо иэца  диезара наха.
Яго
Уьш доттагIий бу. Цхьа бака. Ас  хьуна тIиера мер ду.
Кассио
Ас цхьаъ мелла. Изаъ хи тоьхна дара. Гой хьуна цуо суна динарг. Цу декъехь со шун накъост вац. Цу чагIарца биегаш бан  йиш йолуш а вац со.
Яго
ХIара   сакъоьру буьйса  ма ю. Наха доьху.
Кассио
 Мичахь бу и нах?
Яго
НеIарна тIиехьа. Схьакхайкхахь цаьрга.
Кассио
Дика ду.  Лаам ца лаьа суна.
(ДIавоьду.)
Яго
Цунна чу кхин а цхьа бака боьттича,
КараIемина жIаьла санна хир ву и.
Массарна  гIалхдеш, яппаршйеш хир ву.
Ткъа кхузахь Родриго ву кхетамчуьра  вуьйлуш,
Цуьнца  цхьана кхузарчарах кхоъ.
Ас уьш цхьаний гIароле хIоттийна.
Цара бехна гIовгIа яьккхича,
Хьовсур ду вай, Кассиос хIун до.

Шеца Монтано а, хьеший а, ялхой а балош, чувогIу Кассио.
Кассио
Суна кхин цхьа кад а боьттина.
Монтано
КIадбоцург ду. Салтичун дош ло ас,  ахлитрал сов  мер дац.
Яго
ЧагIар, чагIар!
(Йиш локху.)
Берттец буьзна баканаш
Вовшатухур ду вай, кIентий.
Салтий  бераш дац.
Дахар доца ду.
Шун могашаллин  тIиера, салтий!
ЧагIар, адамаш, чагIар!
Кассио
Хаза йиш ю.
Яго
Со  Ингалспачхьалкхехь волуш Iамийна ас и. Цигарниш мала говзанчаш бу.
Европерчу кхечу нахана ца хаьа иштта мала.
Кассио
Иштта чIогIа маларчаш бу уьш?
Яго
Ингалсхой? Маларна тIехь цара милла  а иэшор ву.
Кассио
Вай инарлина тIиера!
Монтано
Со хьол тIаьхьавуьсур вац, лейтенант.
Яго
Инзаре  Ингалспачхьалкх!
(Йиш локху.)

Кхоаме  хилла   паччахь Стефан.
Дорахчу кIадехь бедарш  тоьгуш.
Хечех  крона дIа а делла,
Бедарштоьгург чехийна,
Бохуш,  цуо сов  ахча доьху.
Иза-м хилла сийлахь паччахь,
Ткъа  хьо стенна вазвелла.
Тоам бе  гатанан хечех,
Бархатниг  хьоьгахь товр а яц.
ЧагIар, чагIар!
Кассио
ХIара йиш  хьалхарчул  дика ю.
Яго
Хьуна лаахь,ас кхин цкъа локхур ю и.
Кассио
Ца оьшу. Вайн даржаца  догIуш дац иштта  лиелар. Олуш ма-хиллара, цхьадолу синош кIелхьара девр ду. Цхьадерш девр дац. Нийса бохий ас?
Яго
Нийса боху, лейтенант.
Кассио
Масала, со, инарлина, сол лакхарчарна хала ма хоьтийла, кIелхьара вер ву.
Яго
Со а вер ву.
Кассио
Собар. Бехк ма билла. Хьалха со кIелхьара вер ву. Инарлин гIоьнча кIелхьара вала виеза.. Тоьур ду. Вешан диекхарш кхочушдан диеза хIинца.
(Карара  йовлакх охьадожадо. И схьаиэца охьакхевдинчохь гора  хIутту.)
Тхан къиношна гечделахь, Дела. Со вехна моьтту шуна? Бакъдац иза. ХIара сан хьадалча ву. Сан аьтто куьг ду хIара. Ткъа хIара сан аьрру куьг ду. ХIан-хIан, со вехна а вац. Къамелаца а, боларца  а  чIогIа а ву.
Массара а
Ву дера!
Кассио
Шу бертахь ду-кх соьца. ТIаккха со вехна ву, ала бакъо яц шун.
(ДIавоьду.)
Монтано
Вай хIинца гIаролхой дIахIитто биеза.
Яго
Цхьа жимма собар.
Гирий шуна! Оцу араваьллачу
КIантах дозалла деш,
Хила  тарлора Цезарь,
 Цуьнан ледарло цуьнан  дикаллел а
Совнах яцахьара.
Амма, пекъар чIогIа молуш ву.
Цунах тешна гIалин гIарол дитар
Отеллогахь  товш ца хиета суна.
Монтано
Сих-сиха муьйлу цуо?
Яго
ХIора  сарахь. Ца молуш и висахь,
 Дийнахь сарралц, наб ца кхиеташ,
Меттахь керчар ву.
Монтано
Отеллога и хаийта диеза.
Цунна ца хууш хила мега иза.
Я шен гIоьнчехь диканиг  бен ца го.
(Гучуволу Родриго.)
Яго
(Аз таIош Родригога,)
Юхавала. Лейтенантана тIаьхьа а хIоттий и ларвеш хила.
(Родриго дIавоьду.)
Монтано
Сел  ледара волучу  оцу  стаге
Эрна делла   мавро иштта дарж.
Хаийта цуьнга.
Яго
ХIан-хIан. Ас хоуьйтур дац.
Кхечо  ала. Кассио сан доттагI ву.
И ларван  хIуъа дан со кийча а хир ву.
ХIун хилла те цигахь?
(Сцени тIехьахь маьхьарий хеза.)
ГIо дейша! Орца дала!
(Гучубовлу:  Родриго а. цунна таьхьа уьдуш волу Кассио а.)
Кассио
Боьха хIума! Тентак!
Монтано
Хьуна хIун хилла,  лейтенант!
Кассио
Со Iамо гIерта! Суна хьиехамаш бан!
Ас шишанна чу ма вуллур ву хьо!
Родриго
Хьайн буйнаш сацаде!
Кассио
Къамелаш до ахь!
(Родригона туху.)
Монтано
(Кассио сецавеш.)
Меттавола! Собар де, лейтенант!
Кассио
Юкъа ма гIиерта! Ас лазор ву хьо!
Монтано
Вехна ву-кх хьо!
Кассио
ДIавала!
(Лата волало.)
Яго
(Аз таIош, Родригога.)
ГIопе вада. Орца даккха.
(Родриго дIаводу.)
Кассио! Монтано!
Меттадуьйла!  Совца!
Шу хьерадевлла!
Орца дала! Орца!
(Килсан горгали биекаш хеза.)
Эхь ду шуна! Ерриг  гIала  гIаттош,
Горгали бу биекаш, орца доьхуш.

Шен тIаьхьахIиттинчаьрца гучуволу Отелло.

Отелло
ХIара хIун гIовгIа ю?
Монтано
Сун чов йина! ЦIийх вуьзна со.
(Охьавужу.)
Отелло
Вала лууш хьо вацахь, сацалахь!
Яго
Хьезий хьуна?  Саца, лейтенант!
Монтано! Совцийша, меттадуьйла!
Шуна хьалха лаьтта инарла.
БIарзделла ма дац шу, баккъалаъ?
Отелло
ХIара хIун сурт ду!
Кхузахь хIун хилла.
Туркой-м дац вай,
Вовшашца  эвхьаздийла?
Совца чехка. Ца сецначун са
Ас доккхур ду.  Сацабе и горгал.
Кхузахь хIун хилла?
ХолчухIоьттинчу Ягон  тIехь бос бац.
Алал, мила ву хIара долийнарг, догцIена  Яго?
Яго
Со  кхиеташ вац. Хаза Iаш дара тхо.
ЦIаьххьана  хIара  шиъ
Тарраш  детта вуьйли. Эхь ду!
ТIамехь ши ког  боккхуш, суо  заьIапхилла,
Хуьлуьйтур вара ас, хIара сурт ца гайта.
Отелло
Кассио, хьуо мила ву дицдина ахь?
Кассио
Бехк ма билла. Сан ала хIума дац.
Отелло
Хьо собар долуш, даим  вара, Монтано.
ХIун ницкъ бара  кхачийнарг хьан собар?
Монтано
Отелло, човхилла ву со.
Ягос дуьйцур хьуна.
И теш волуш хилла дерриг а.
Сайна тоьхнарг юха туохар бен,
Кхин бехк бац сан.
Отелло
Далла гуш, кхехкаш ду сан цIий.
Декъаза ву  сан куьйга кIел кхаьчнарг,
Бехкениг, сан ваша хиларх  а и,
Ас  кхоор вац.Муха хилла дов? 
Куьгбехкениг кхузахь мила ву?
ТIеман хьолехь, гIалахошна юккъехь,
ЦIий  Iанор ас могуьйтур ма дац.
 Дийцал, Яго, бехке мила ву?
Монтано
Бехказаваккхар  салташца ца тов.
Яго
Кассио бехкевеш, дош ца олуш,
Айса сайн мотт хадо реза ву со.
Ас  аьлларг цунна новкъа ма долийла.
Сой, Монтаной  кхузахь  лаьтташ волуш,
Мохь хьоькхуш  чуиккхира цхьа стаг.
Цунна тIаьххье карахь  герз а долуш,
Кассио а. Монтанос и сацийра.
Со мохь хьоькхучуна тIехьаьдира.
Иза ведда къайлавелира.
Юхахьаьжча,  хезча  тарраш детташ.
Со тIекхаьчча хIара сурт  дара.
Шуна гуш ду суна гинарг а.
Адамаш гIалатдовла тарло.
Монтанон  хьалха  бехке ву Кассио.
Амма иза карзахваьккхинарг а,
Ведда къайлаваьлларг хила мега.
Отелло
Хьайн догдикаллица. Яго, ву хьо, ,
ДоттагI бехках кIелхьарваккха гIиерташ.
Кассио, хьо суна чIогIа виезар.
Амма, кхин дIа хьо сан эпсар вац.
Гучуйолу Дездемона шен  тIаьхьахIиттинчаьрца.

Хьовсийша кхаьрга. Дездемона а самаяьккхина!
(Кассиога.)
Хьох кхечарна масал хир ду суна.
Дездемона
Кхузахь хIун хилла?
Отелло
ХIуммаъ дац, сан хьомениг.
Монтано, ас хьан чов дIайоьхкур ю.
ЦIа кхетор ву хьо.
(Монтано дIавуьгу.)
Яго, ахь кху гIалин терго е.
Карзахбовларш даржа ца долуьйтуш.
Салтийн дахар, Дездемона, иштта
Нислуш ду-кх. Вай охьадийша доьлху.
Массо а дIавоьду, Ягой, Кассиой  воцург.
Яго
Хьун чов хиллий, лейтенант?
Кассио
Лен чов хилла.
Яго
Дала Iалашвойла!
Кассио
Дика цIе, дика цIе, дика цIе! Сайн дика цIе  яйъи ас. Мичахь ю сан дика цIе?
Яго
Делора, моьттура суна, хьуна човйина! Хьо лазийнехь  ирча сурт  хир дара. Дика цIе бохург доккха хIума дац. Иза наха шаьш  кхоьллина хIума ду. ХарцхIума  ду. Хьан  хIуммаъ ца яйна, ахь хьайна ца моттийтахь. Дехар дича, хьо юхаъ хьайн дарже воккхур ву. Инарла а васталур ву.
Кассио
Иштта  волу маларча  гIуллакех ца сецавеш, мелхо а  низам чIагIде  эр ду ас цуьнга. Малар а мелла, сонтаваьлла, ас лиелийнарг хIун дара! Сайн IиндагIца  даккхий хабарш дуьйцуш! ЧIогIа бехке ду.
Яго
Мила вара и ахь герзаца чехош, эккхийнарг?
Кассио
Ца хаьа суна-м.
Яго
Бакъ хир дац!
Кассио
Цхьа гIурт бу-кх. Ма-дарра дага ца догIу. Цхьа дов делира, хIунда даьлла а ца хаьа. Шаьш шайна  и  талу чу а дуттий, тентакбовлий, баккхийбеш хьийза!
Яго
ХIинца хьан корта дика болх беш бу. Маца ваставелла хьо?
Кассио
ОьгIазалло  меттавалийра со. Меттавалийра аьлча а, кхин а чIогIа галваьккхира-кх, суна суо  ма-варра гучувоккхуш.
Яго
Хьайца чIогIа къовламе ву хьо. ТIеман хьолехь и ца  хиллехь дика  дара. Делахь а, хилларг хилла даьлла. Иза а нислур долуш хIума ду.
Кассио
Суо даржехь меттахIоттавахьара аьлла, ас диехар дича, цуо со маларча ву, эр ду. Соьга ладугIур дац цуо. Хьо хьекъале къамеле ву, юха цIаьххьана хьераволу, тIаккха  экханах тарло!ХIора ахьбина къурд – сардам бу, шайтIа ду.
Яго
ЧIагIар-м дика хIума ю, хьуна мала хиъча. Тоьур ду хьиехамаш бан. Со хьуна тешаме ву аьлла хиета суна.
Кассио
Шиеко йоцуш! Со вехна ву. Иштта баркалла эли ас хьуна.
Яго
ХIуммаъ дац. Иза хьаьнцца а хила тарлуш ду. ХIинца айхьа дан дезачуьнга ладуогIа. Кхузахь коьрта инарла цуьнан зуда ю.Цуьнан хазаллехь инзарваьлла  хьийзаш ву мавр. Дездемонига хьайн гIайгIа байта. И чIогIа догдика стаг ю. Шиега дехначул а совнаха дика  дан кийча ю иза. Цуьнан майрачун а, хьан а доттагIалла меттахIоттош гIо де, ала цуьнга. И доттагIалла кхин чIогIа хир ду  шун.
Кассио
Баркалла хьуна!
Яго
ЦIенчу даггара.
Кассио
Тиеша со. Кхан Iуьрре Дездемона йолчу гIур ву со. И гIуллакх ца нислахь, со вайна ву.
Яго
Аьтто хуьлда хьан! Буьйса декъала хуьлда, лейтенант.
ГIаролашка хьажа воьду со.
Кассио
Буьйса декъала хуьлда хьан, догцIена Яго.
(ДIавоьду.)
Яго
Ас харцо лиелайо, ала мила ву?
Сан хьиехар ду ира, хьекъале.
Дездемонас чул а атта мавр
Бертавало некъ мичахь хир бу.
Ткъа цуо иза даьтта хьаькхча санна,
ОьгIазаллех востуш, малвийр ву.
Со оьзда ву, Кассьон и некъ гойтуш.
ДIовшо шен болх кхочуш бо.
Ас цу хенахь мавран лере тиеIаш,
Цуьнан  дагчохь шиеконаш а кхуллуш,
Дездемонин диехар эрна дуй-те,
Бохуш лергаш дIовшах дузур  ду.
Мел догцIена Дездемонас диехарх,
Мавран  шеконаш а  совъер ю.
Догдикалла  хьарамлох таръелла,
Массарна  а балане хир ю.
(Гучуволу Родриго,)
Муха ду хьан гIуллакхаш, Родриго?
Родриго
ХIокху  талларехь со лартоллу  жIаьла а доцуш, цхьа йовссарх тера хиета суна. Дуккха харж а йина ас. Тховса хIума  а кхийти суна. ХIара  гIуллакх иштта дIадуодахь, со кестта киснахь кепек а йоцуш, дуккхаъ зеделларг а долуш, Венеце юхаверза  мегаш ву.
Яго
Декъаза бу, собардан ца хуурш.
Чевнаш  маьIаргонна йоьрзуш яц.
Холмачалла доцуш, ойла йо ас.
Жимма собар дича, нислур ду.
Кассиос  хьуна тоьхна дика ду.
И бахьанехь даржах ваьлла и.
Массо а стом сиха  кхуьуш бац.
Заздаьккхинарг  кхиаза ца буьсу.
Хьажахь, вайна сахуьлуш ма ду!
Хаацалуш буьйса а чекхйели.
ЦIагIуо ваша. Мичахь сецна хьо?
Вало, боху хьоьга. Таьхьо, тIаьхьо.
ХIун деш лаьтта хьо?
(Родриго дIавоьду.)
Кхин  ши гIуллакх.
Эмилис  Дездемонига  доьхур  ду,
Кассион гIолацахьара аьлла.
Вукхо зудче дехар дечу хенахь,
Отеллоца  гучувер ву со.
Мало йоцуш и дан диезаш ду.
(ДIавоьду.)


КхоалгIа дакъа

1-ра сурт
Кипр. ГIопана хьалха.
Гучуволу Кассио, цуьнца мукъамхой а бу.

Кассио
Цхьа боцца самукъане  мукъам лакха.
Ца къуьйсуш ас мах а лур бу шуна.
(Мукъам локху. Гучуволу забарча.)
Забарча
И шун зурманаш Неаполера-м яц?
ЧIогIа мерах  лоькхуш  ю уьш.
Хьалхара  мукъамхо
И бохург хIун ду?
Забарча
Аш бехк  а ма билла, уьш хIуп олу зурманаш яц.
Хьалхар мукъамхо
ХIуп олуш ю. ХIуп олуш.
Забарча
 ЦIоганаш хIунда дац церан?
Хьалхара мукъамхо
Ахь  хIун  цIоганаш  дуьйцу?
Забарча
 ХIуо  аралоллуш  йолу  биргIанаш  цIога долуш хуьлу. Дуьтур  вай иза. Аш лекхначу мукъамна  инарлас хIара  ахча даийтина шуна. Дукха чIогIа самукъадаьлла, шуьга кхин  мукъамаш ма лиекха боху цуо.
Хьалхара мукъамхо
Дика  ду делахь. Кхин  зурманаш  лоькхур  яц оха.
Забарча
Шайн белахь, цхьа къора, аздоцуш болу, мукъам лакха.
Хьалхара мукъамхо
ХIан-хIан. Къора мукъамаш бац тхан.
Забарча
Делахь хIета, шайн зурманаш  галеш чу а йохкий, яхийта кхузара!

(Мукъамхой  дIабоьлху.)
Кассио
Къинхетам бай, ладогIахь.
Забарча
Хьуна бан къинхетам бац сан. ЛадугIур ду.
Кассио
Забарш а йитий, хIара дашониг дIаиэца хьайна. Дездемонин  накъост самаяьллехь, кхуза схьайола  алахь цуьнга.
Забарча
Иза сема ю. Ас цуьнга хоуьйтур ду.
Кассио
ЧIогIа доьху хьоьга.
(Забарча дIавоьду. Гучуволу Яго.)

Iуьйре дика хуьлда, Яго!
Яго
Хьо-м набйинчух тера а вац.
Кассио
Вайшиъ  сахуьлуш дIасакъаьстира.
Хьан  зуьдчуьнга дехаре веъна со,
Дездемоница къамел дайта аьлла.
Яго
Ас  иза чехка схьайоуьйтур ю.
Отелло цхьанхьа  юьстах воккхур ву,
Шуьшиъ  паргIат дистхилийтархьама.
Кассио
Баркалла хьуна, суна гIо дарна.
(Яго дIавоьду.)
Цул гIиллакхе стаг хир ма вац.
Шена хIуммаъ соьга доьхуш вац.
(Гучуйолу Эмили.)
Эмили
Iуьйре дика хуьлда.
Суна хьох къахиета, лейтенант.
Дала мукълахь,  доьрзур ду диканца.
Хьо вуьйцуш и зудий, майрий ду.
Дездемона ю хьо кIелхьарвохуш.
Вусавелла  Отелло а ву,
Ахь човйинарг, Кипрехь чIогIа лоруш,
Стаг хиларна, хьо Iалашвархьама,
Даржах  мукъавитарх, хьо вицвелла.
Вац хьуна, цхьажимма сатуоха.
Кассио
Дездемоница шиеца цунах лаьцна
Къамел дан  лууш вар-кха со.
Эмили
Делахь хIета, суна тIаьхьахIуотта,
Хьайн дог-ойла а, цуьнга дIахаийта.
Кассио
Ахь и дича, декхарийла вужу.
(Ший а дIадоьду.)

2-гIа сурт. ГIопера цхьа чоь.
Гучубовлу: Отелло а, Яго а, Кипран векалш а.
Отелло
ХIара  пакеташ дIало капитане.
Соьгара маршалла сенате ло,  ала.
Хьуо сихха гIопе юхаверза.
Тхо а цигахь  хьуна карор ду.
Яго
Мало йоцуш.
Отелло
Соьца чIагIоне догIий шу?
Векалш
Хьуна тIаьхьахIитта кийча дут хо.
(ДIабоьлху.)

3-гIа сурт. ГIопан бешахь.
Гучубовлу  Дездемона а, Кассио а, Эмили а.

Дездемона
Хьоме Кассио, хьо тиешалахь,
Хьан дуьхьа ас сайн ницкъ кхочург  дийр ду.
Эмили
Дан хьажахь.
Сан майра ву сагатдеш,
И сингаттам шех хьакхабелча санна.
Дездемона
И ду  хьуна  догдикалла бохург.
Кассио, хьо шеквала  ша оьшу.
Инарлин, хьан  барт балур бу соьга.
Кассио
ТIаккха со хьан  муьтIахь лай хир ву.
Дездемона
Баркалла. И суна хууш ду.
Дукха хенахь хьайна вевзаш волу,
Отелло  а хьуна хьоме ву.
Политикин  лиехамал  совдаьлла,
Шуьшиннан иэгIар  дукха дахлур дац.
Кассио
Политика  йистйоцуш хирий те?
Цунна бахьанаш карор  ма ду.
Сан меттана цхьаъ дIахIоттийча,
Даима а иштта хилча санна,
Инарлина со а вицлур ву.
Сан  доггах лиелар, цунна оьшур дац.
Дездемона
Эмили йолчохь  дуйбоу ас хьуна,
Хьан меттан кхин  стаг хIоттор вац.
Хьан дарж   хьоьгахь диссалц  диехарш  деш,
Ас Отелло паргIат вуьтур вац.
Хьо вийцар бен, кхин къамелаш доцуш,
Хьовзор ву ас, юха а ца йолуш.
Шек ма вала, Кассио.
Эмили
Сударыня, инарла  юхавеъна.
Кассио
Со а къайлаволу.
Дездемона
Ца оьшу къайлавала.
Хьуна хьалхахь  дуьйцур ду ас.
Кассио
Соьгахь  вуон хьал ду,
Ца оьшу хIинца.
Дездемона
Дика ду, хьайна луург дие.
 Кассио дIавоьду. Гучуволу Отелло, цуьнца Яго а ву.

Яго
Реза вац со.
Отелло
ХIун гIам-гIим  ду ахь дийриг?
Яго
ХIуммаъ дац.
Отелло
Дездемона йолчуьра араваьлларг Кассио варий?
Яго
Хила йиш йац! Къу санна аравала?
Хьо гича  иза, кхиералур а вацара.
Отелло
Суна и вара моьтту.
Дездемона
Сан доттагI, гIуллакхаш муха ду?
Диехарие веъначу, цхьана стагаца къамел дира ас.
Ахь ша даржах ваьккхина а бохуш,
ХолчухIоьттина и пекъар ву.
Отелло
Мила пекъар?
Дездемона
Хьан лейтенант. Нагахь санна
Ахь со лоруш йелахь,
КъинтIера а валий, шен даржехь
МеттахIоттавехьа и Кассио.
Ларамаза галваьлла а волуш,
Иза хьан тиешамечех  накъост ву,
Я суна догцIена нах ца бевза.
Отелло
И варий кху чуьра араваьлларг?
Дездемона
Холчохь вара, со а холчухIттий,
Цуо шен дегалазамаш белхийна.
МеттахIоттавехьа и.
Отелло
Цкъачунна хIоттор вац.
Дездемона
Маца хIоттор ву ахь?
Отелло
Кестта, кестта хIоттор ву.
Дездемона
Тховса  пхьуйран хенахь.
Отелло
ХIан-хIан.
Дездемона
Кхана Iуьйранна? Я делкъенан хенахь?
Отелло
Кхана со  эпсарш болчохь хир ву.
Дездемона
Кхана сарахь? Я шинари дийнахь?
Я цу сарахь? Я кхаари Iуьйрехь?
Цхьа де билгал даккхахь, дах ца деш.
Низам чIогIа хила диезийла хаьа.
Шегара даьллачунна къера  ву и.
Алахь, маца хьо волчу ван мега?
Со цецъяьлла хьох, хьан диехарна,
Жоп ца луш, со Iалур яцара.
Мила ву вуьйцург? Кассио – хьан накъост,
Вайшиъ цхьанатуоха чIогIа лууш,
Даима  хьан  агIо лоцуш  хилла,
 Со  хьуна цхьаъ ала гIоьртича.
Отелло
Дика ду. Тоийта .
Ма лиънехь  со волчу  схьаваийта.
Ахь бохург  ца дан  сан йиш яц.
Дездемона
Айхьа суна  гIуллакх до ма мотта.
Сан дуьхьа, алий,  ца оьшу и дан.
Хьоьга:  хIума кхалла,  шел ма луолахь,
Олуш санна ду, ас хIинца бохург.
Нагахь санна, хьан соьга болу биезам
Мел бу хьажа дагадагIахь суна,
Ас халониг доьхур дара хьоьга.
ХIара-м  кIадбоцург  ду!
Отелло
Хьан  диехарна жоп ца дала йиш яц сан.
ХIинца мукъа вац. Бехк ма билла.
Цкъачунна суо витахь со.
Дездемона
Дика ду. Могуш хуьлийла хьо.
Отелло
Баркалла. Со кестта дIавогIу.
Ирсе хуьлда хьо.
Дездемона
Эмили, вайшиъ дIайоьду.
Хьайн лаамехь ву-кх хьо.
Со  хьуна муьтIахь   ю.
( Эмилица дIайоьду.)
Отелло
Сан хьомениг!
Суо лийр велахь а, хьоьга болу биезам
Хьулбан сан йиш яц. И биезам бахь,
Кегари хир бу.
Яго
Алахь, инарла…
Отелло
ХIаъ, Яго. ХIун?
Яго
Алахь, инарла,  аш шиммо доьзал
Кхуллуш  махбарал а хьалха,
Хаарий Кассиона хьо вуй  и йезаш?
Отелло
Хаьара. Дера хаьара.
Ахь и  хIунда хоьтту?
Яго
Цхьацца хIума вовшех дуста гIерта.
Отелло
Дуста?
Яго
Хьол а хьалха и йевзаш варий  иза?
Отелло
ХIаъ. Тхойшиннан  юкъалиеларг а вара.
Яго
Юкъалиеларг?
Отелло
ХIаъ. Хилча хIун ду?
Тиешаме  вацара иза?
Яго
Вара.
Отелло
И тиешам цуо ларбира.
Яго
Ларбира.
Отелло
Ткъа, хьо стенна  сингаттаме  ву?
Яго
Сингаттаме?
Отелло
ХIун хилла хьуна?
Ас аьл-аьлларг олуш,
Кхардаме аз  санна ма ву хьо.
ХIун хилла? Хьан дагахьдерг
ЧIогIа кхиераме ду, ала а ца мегаш?
Кассиох  хьакхавалар – дика дац.
Цуо суна захало дар – иза вуон!
ХIун ду хьан дагахь?
Схьа алий вала.
Яго
Хьайна хаьа хир ду,
Со хьуна мел   тиешаме ву.
Отелло
Эрна хабарш дуьйцуш,
Эладита даржош хьо воцийла,
Сайна дика хуу дела,
Кхоьруш ву со ахь схьакъедош долчух.
Ахдешнашца  эладитанчас дуьйцу.
ДогцIеначун бу и синан мохь,
Харцо  кийрахь сецо боцуш ницкъ.
Яго
Суна Кассьо  цIена адам хиета.
Отелло
Сунаъ хиета.
Яго
Хиетачул а хила виеза цIена.
Отелло
Иза а бакъ ду.
Яго
Кассио а, догцIена адам а.
Отелло
Иштта мегар дац. Хьо хIун ала гIиерта?
ХIун хааделла хьуна. Дах ца деш!
Хьайна хуу вуониг гучудаккха!
Яго
Инарла, ахь аьлларг дан сан диеза.
Амма  моттаделларг  дийца
Диекхарийлахь вац со, лай велахь а.
Хиетарг ала? Суна хиетарг делахь,
Шеца харцо йолуш, Iаьржа, боьха?
Отелло
Ларамаза  вуонехь доттагI велахь,
Цунах иза ларван, гIо деш вацахь,
Ахь и хIаллаквойла, хаьий хьуна?
Яго
Дитахь. Сан декъаза амал ю:
Массанхьа а ямартло ю моьттуш.
Сан дешнаш тергал ца деш Iийча,
Хьуна сапаргIате  хир ду.
Эхь а, хьекъал долуш велахь, суна
Товш дац  сайн шиеконаш  гучуяха.
Отелло
Ма-дарра дийца.
Яго
Инарла,  цIена цIе ю йеза,
Божаршна а, зударшна а  йиезарг.
Ахча хиларх, Iожалло ца вуьту.
Ахча хIун ю? Хилла, кхачаделла.
Эзарний  карахула чекх а даьлла.
ЦIена цIе ю ахчанал а йеза.
И бехйечо, вай дакъаза доху,
Шена  цунах пайда а ца оьцуш.
Отелло
Къастош дийца! Хьо хIун ала гIиерта?
Яго
Ахь сан дог хьайн буйнахь Iаьвдича а,
Эр дац, алалур дац, ала а лаьа.
Отелло
Иштта ду!
Яго
И баьццара бIаьргаш долу йиешап –
Ша Iиехочух  кхаьрда эмгаралла
Кхиераме ду хьуна, сан инарла.
Дерриг хууш, шен эхьана бехке
Йолучуьнца уьйраш хадийнарг
Къа ца латош шена, декъалхилла.
Ткъа и хууш, шиеко йолуш,
Шен зудчух воккхавиевеш
Лиелаш велаш – и бу-кх буохам.
Отелло
Жоьжахате ю-кх.
Яго
Шен дахарх тоамбина, къиехо – хьолада ву.
Амма, шен бахамах валарна кхоьруш,
Волу  хьолада ву, цу къиехочул гIийла.
Деле доьху, сан доттагIий ларбелахь
Цу бIаьрзечу, къизачу эмгараллех!
Отелло
Собардел цкъа. ХIунда дуьйцу ахь?
Эмгаралла сайн дагахь кхобуш,
Со Iийр вара моьтту хьуна? Вац.
Шиеко хилча, ас  и къастор дара.
Массара а и сан зуда хесторх,
Хаза а, комаьрша а ю бохуш,
Хьешийн самукъадаккха дика хууш,
Къамелаца , иэшахь эшарш локхуш,
Яла  йезахь, хаза халхайолуш,
Со шеквер вац, цуьнгахь товш ду уьш.
Цуьнан хазаллица  сан сибат ца догIу,
Бохуш хилчаъ,  суна хала дац.
Ша мила хаьржина хууш яра иза..
ХIан-хIан, Яго, со цкъа хьожур ву.
ХIума туосалахь, иза толлур ду,
Эмгаралла хила  бахьана далахь,
И ца кхобуш, биезам бицбийр бу.
Яго
Дика хиета. Суо хьуна  тиешаме
Хилар гайта хьожур ву со хIинца.
Билгалонаш  яц сан цкъачунна.
Делахь а, хьайн зудий, лейтенанттий
Тергалдеш хьо хилча, бакъахь ду.
Ца лаьа-кх, хьан букъ техьахула,
Хьо Iехавеш хIума лиеладойла.
Венецера зударий  дика бевза.
Шайн марошна  дагахь доцург лиелош,
Хуьлуш бу уьш, лар ца йитчахьана.
Отелло
И ду ахь бохург?
Яго
Шен да Iехийна, хьоьга йеъна йолу,
Хьайн зуда царах яц  моьтту хьуна?
Хьо дагавоьхна йогуш  йоллушехь,
Хьо гича, ша мегаш яц а, бохуш.
Отелло
Иштта дара.
Яго
Ас хIун боху, ткъа:
Хьоьга ялалц, иштта чIогIа  хIилла
Лиелош, шен да, нах а Iехош хилларг.
ХIинца хийцаелла?  Бехк ма билла,
Дукха  гена волуш лаьтта со.
Отелло
ХIан-хIан. Баркалла!
Яго
Ас хьуна вас йинчух тера ду.
Отелло
Ца йина.
Яго
Йина дера. Амма и ас йина,
Айса хьо сел чIогIа лору дела.
Доьху хьоьга, ахь и диц ма делахь,
Ас аьлларг бух болуш къамел дац.
Цу тIе доьгIна сацам бан ца оьшу.
Отелло
Ма кхиера хьо.
Яго
ГIалатло яларна кхиерам бу.
Кассио сан доттагI хиларна,
Хьо вас хилла хиета, инарла.
Отелло
Сайн  зудчух со шиеко йолуш вац.
Яго
Далла хастам бу.
Шуьшиннаъ цуо могашалла лойла!
Отелло
Делахь а, хьанна хIун хаьа…
Яго
Масалш дукха ду. ЛартIехь дуй те,
Шен махкара кIентий цуо дIакъахкор?
Хьанна хаьа, юха  дохкояьлла,
 Хьоьца  шен махкахой буьстича,
 Цуо  хIун дийр ду?
Отелло
Iодика йойла.
Схьахаийта  хьайна гучудаьлларг.
Хьайн зудчуьнга ала, Дездемона
Тергалъеш  хилалахь даима.
Iодика йойла.
Яго
Инарла, Iодика йойла.
(дIавоьду.)

Отелло
И хIунда ялийра ас?
Сан сий лардечунна,
Ша  схьааьллачул а дукха хаьа.
Яго (юха а вогIий.)
Коьртаниг, сан инарла, ца оьшу
Кху хаттаршна  дукха кIоргевийла.
Замано дерриге къастор ду.
Кассио дика эпсар хиларх,
Даржехь меттахIотто хьалхе ду.
Ас иза хервина вуьтур вара.
Цуьнан  чIогIа  гIайгIабар а гойтуш,
Дездемонас  хIун дийр ду а хьожуш.
Юхаъ боху ас, сан кхерамаш,
Бахьана  а доцуш хила тарло.
Дездемонех вуон ойла ма кхолла.
Отелло
Са магатде, со собаре хир  ву.
Яго
Кхин цкъа а хьан Iолика йойла.
(ДIавоьду.)
 Отелло
ХIара кIант ву догцIена  хиларца
Адамийн амалш дика евзаш.
И бакъхилар тоьшалла цуо гайтахь,
КараIемина доцу, хьо сан леча,
Акхадала дагахь хьо делахь,
Сайн деган тешца юьйцина бой  ятIош,
Ас дIахоьцур ду. Сан Iаьржа  амат
Ду бехкениг. Маттана шера вац.
Къанвелла со. Амма, ас хIун дуьйцу!
Со Iехийна, Дездемонех ваьлла.
Цабиезамо  суна  гIодийр ду.
Церан лаам вайн  карахь  ца хилча,
И зударий вайн  долахь  ма бац.
Пхьид а хилла, лаьттан бухахь Iиен,
Реза хир ву, йиезачух ца волуш.
Син экамалла – синан  бала бу.
КIоршамениг вац и лазам бевзаш.
Гучуйолу Дездемоний, Эмилий.
Дездемона а йогIу.
МоттаргIанан сибат иштта делахь,
Стигланаш  а моттаргIанаш  ю.
Суна цунах тиеша хала ду.
Дездемона
Отелло, хьуна хIун хилла?
Делкъене хьеший  а гулбелла.
Хьо схьаваре хьоьжуш  Iаш ду тхо.
Отелло
Бехк ма билла.
Дездемона
Хьан аз ма гIийла ду.
Могуш вуй хьо?
Отелло
Жимма корта лозу.
Дездемона
Ахь наб кIезиг йо.
Коьртах йовлакх хьарчадайта хьайна.
Отелло
И дукха жима ду. Ца оьшу.
Йовлакх дIатотту. Иза охьадужу.
Дездемона
Хьан корта лозуш, халахиета суна.
Отеллой, Дездемоний дIадоьду. Гучуволу Яго
Яго
Хьо хIун деш ю кхузахь?
Эмили
Бур-бур ца деш, дIаиэца хIара хIума.
Яго
Ма хир ю и!
Эмили
Хаал,  и хIун ю!
Яго
И, Iовдал зуда,  ю-кх цхьа  башха  хIума.
Эмили
Ца хии хьуна. ХIокху йовлакхах
Суна хIун  ял  йала кийча ву хьо?
Яго
ХIун йовлакх?
Эмили
ХIун йовлакх?
Дездемонина Отеллос делла,
Ахь  соьга лачкъо бохуш.
Яго
Лачкъийра ахь и?
Эмили
ХIан-хIан. Цуьнан карара
Охьадоьжна  хила мега хIара.
Ас схьаиэцна хIокху цIенкъара.
Яго
Схьало чехка, хIай сан диканиг!
Эмили
Алахь, цунах хIун дан воллу хьо?
Яго (йовлакхах катухуш)
Хьан хIун бала бу? 
Эмили
Дита  соьгахь. ХIара дайнийла хаахь,
Дездемона холчухIуттур ю.
Яго
Суна  оьшу цхьана гIуллакхна.
ДIагIо, хьайна карийна ма ала.
(Эмили дIайоьду.)
Дожор  ду  ас  хIара Кассьо волчохь.
Шен и йовлакх гича эпсар  Iачохь,
КIадбоцурго  кхехкош эмгаралла, 
Карзахвала  тарло вайн  Отелло.
Вевзар воцуш, хийцавелла и.
Сан дIовшо  шен  болх дIаболийна,
Шиеконаша са дуур ма ду.
(ЮхавогIу Отелло.)
 ВогIуш веца. Цхьана а дарбано
ГIоли ца еш, набарх вер ву  хIара.
Отелло
Муха! Ямартло!
Яго
Тоьур ду, инарла.
Йита шиеконаш.
Отелло
Къайлавала!
Iехийна хуьлда со, ца хууш суна,
Шиеконийн сох тутмакх вина ахь.
Яго
ХIан-хIан,  иштта ма ала, инарла!
Отелло
И кхечуьнца хилар дагахь а доцуш,
Я хаа а ца хууш, цуьнца  Iийна,
Самукъа  а долуш, цуьнан балдаш тIехь
Кассион  бартийн лар а ца гуш.
Шиена къола диний хууш воцург
Иэшам хилла вац.
Яго
Сингаттаме ду ахь дуьйцург.
Отелло
Ирсе хир вара, сайна хууш доцуш,
Тобанца  сакъоьруш и хиларх.
ХIинца дуьйна сан синтем дIабаьлла!
Эскар, майра бIаьхой, терса  дин а,
Лоькху зурманаш, етта вота,
Лиеста байракхаш, луьра тIом а,
Толаман  шатлакх а – дерриг а чекхдели.
Отелло мукъа  ву.
Яго
Иштта ду хьовха, инарла?
Отелло
ДIахаалахь, боьха  хIума, айхьа
Сан зудчух мел аьлларг схьагайта диеза!
Ахь и ца дахь, суна жоп лучул а,
ЖIаьла хилла  лиелар тоьлу хьуна.
Яго
Цу тIе даьлла!
Отелло
Цуьнан бехкан билгало схьагайта,
Сан шиеконаш дагчуьра  дIайохуш.
Ахь и ца дахь, декъаза ву хьо.
Яго
Сан инарла…
Отелло
Нагахь санна бехк-гуьнахь а доцуш,
И сийсазъеш, ахь со хьийзавахь,
Кхин доIанаш дан ца оьшу ахь,
Дохковийлар доцуш, къинош лиетош,
Зуламна тIе зуламаш а диебош,
Хьо хилча а, кхин бехке хир вац.
Яго
Хезий шуна, сийлахь стигланаш!
Адам дуй хьо? Мичахь ду хьан дог?
Хьоьца гIуллакхдар ца оьшу суна.
Со  дIавоьлу. Сайн бакъдерг а  аьлла,
Iовдал ву со, бехкашка ладоьгIуш.
Хьо харцдуьне! Кхиераме ду,
Нахе бакъдерг дийцар.
Сайна хиетарг ас кхин дуьйцур дац,
Иштта восе долуш иза хилча.
Отелло
Собар. ТIехьаьжча, хьо  ву бакълуьйчарах.
Яго
ТIехаьжча, хила везара хьекъалечарах.
Бакъдолчуьнца  баркалла ца доккху.
Отелло
Дездемона тешамие хила мега.
Ца хила а тарло.
Ахь соьга мел аьлларг  харцо ю.
Бакъхила а тарло. Гайта билгало.
Цуьнан цIе баттал цIена яра.
ХIинца иза Iаржйеш воллу хьо.
Хила диеза дерриг къаьстина.
Кху дуьненахь арсаш, цIераш, гIунаш,
Машшаш,  дIовшаш – дукха гIирсаш бу.
Гечдийр дац. Нагахь и бакъ хилахь.
Ца тоьушйерш билгалонаш ю.
Яго
Хьо сел чIогIа карзахваларна,
Бехке волуш, соьгахь бала бу.
Билгалонаш хьайна оьшу, бохий?
Отелло
Баьхна ца Iаш, ю хьоьгара йохур.
Яго
Алахь тIаккха. Билгало хIун ю?
Къайлах цара  хIун лиеладо хьажа,
Лууш  вуй хьо?
Отелло
Цул а валар тоьлу!
Яго
Атта ма дац вовшийн марахьерчаш,
Ши адам  къайлах  тергалдан.
Цу шинний бен и сурт кхин ма гойла.
ХIун дан диеза? Муха лаца диеза?
Маймалш дац уьш, Я ши борз а яц.
Хьуна  гайта билгалонаш.
Лач билгалонаш  хьуна тоьуш йелахь,
Уьш  ас хьуна  дIахоуьйтур ю.
Отелло
Уьш хила йиеза юхатохалур йоцуш!
Яго
Ца оьшу бала тIелаьцна со ваьлла.
Хьо ларарна, со гена а ваьлла.
Делахь хIета, цкъа со вара Iуьллуш,
Кассиоца цхьан маьнги тIехь.
Наб ца йойтуш, цергаш  сан лозура.
Набарха луьйш, къайле гучуйолу.
Кассио а вара шабаршдеш:
«Ларлуш хила, малик Дездемона.
Вешан биезам хьулбан биеза вай».
Сан куьйгана  чIогIа барташ дохуш,
Шен ког суна тIехула а боккхуш,
Юха  эли, доккха са а доккхуш:
«Цу мавре хьо дас дIа хIунда йелла?»
Отелло
Ма  инзаре! Ма инзаре ду и!
Яго
ГIенах харцлуьйш, наха  хIун ца дуьйцу?
Отелло
Амма, хIун  гIан дара!
Ма айкхдуьйлуш ду и тайпа гIенаш!
Яго
Кхечу билгалонашна юккъехь.
Отелло
Ас хIаллакйийр ю и Дездемона.
Яго
Собаре хила. И бехкеян йогIуш,
Цхьа а билгало гучу ца яьлла.
Вайн шиеконаш эрна хила  тарло.
ТIехь цIазамийн суьрташ тегна долу,
Йовлакх цуьнгахь хааделлий хьуна?
Отелло
И ас цунна  совгIатна ма делла.
Яго
Иштта ду и? Суна ца хаьара.
Тахана  Кассио а гира суна
Шен  чIенигах цхьа  йовлакх а хьоькхуш.
Отелло
Нагахь санна, и йовлакх хилахь….
Яго
Иза я кхин, йовлакх  Дездемонин ду.
Кхин цхьа билгало а гучуйолу.
Отелло
Лай волчуьнан  эзар синош дац-кха.
И цкъа виерах биекхам  хир ма бац.
Яго, хIинца и бакъ хиета суна.
Сайн кераюкъе хIуп а бохуш,
Биезам дIаэккхий ас. Бац и.
Цабиезам, биекхам, шуьшиъ соьца хила,
Лаьхьанийн  шакарца бусалаш сан кийра!
Яго
Собаре. Тийна.
Отелло
ЦIий, цIий, цIий!
Яго
Хуьйцур ю ахь хьайн ойла.
Отелло
ХIан-хIан, Яго, цкъан а хуьйцур яц,
Сайн дог Iабош, биекхам  бина валлалц!
(ГуорахIутту)
ХIай, седарчех сиегаш йолу  стигал,
Кху дешнийн  йозалла мел ю хууш,
Дуй  боу ас, бийр бу аьлла биекхам!
Яго
ХьалагIатта.
(Ша гуорахIутту.)

Стигланашкахь даима хьийзаш йолу,
Селардийн серлонаш, шуна а гуш,
Ас сайн хьекъал, сайн куьйгаш дIало,
Сийсазвинчу Отеллона  хIинца,
Цуо аьлларг дан, эшахь Iанош цIий а.
(Ший а хьалагIотту.)
Отелло
Сан бартхо, ас баркалла ца боху.
Амма, айхьа аьлларг кхочушдеш,
Кхо де далале хазийта суна,
Кассио дIаваьлла боху, дош.
Яго
Сан доттагI хIаллакьхилла.
Омра ду. Амма, Дездемона дийна йита.
Отелло
ХIан-хIан, нахаца  лиелачунна
НеIалт  хуьлда цунна!
Вало, и шайтIа муха дуьйр ду,
Дуьйцур  вайша. Хьо тахана дуьйна
Ву сан лейтенант.
Яго
Со даима хьан ву.
(Ший а дIавоьду.)


4-гIа сурт. ГIопана хьалха.
Гучуйолу Дездемона, шеца Эмили а, забарча а волуш.

Дездемона
Лейтенант Кассио мичахь Iаш ву эр дарий  ахь?
Забарча
Эр дац.
Дездемона
ХIунда?
Забарча
Иза  тIемало ву. Уьш хала нах бу.
Царах дерг тIеман къайле  ма ю.
Дездемона
 ТIаккха  хIун до вай?
Забарча
Эр дац. Иза а тIеман къайле ю.
Дездемона
И лаха а лехна, цуьнга дIаэр дарий ахь?
Забарча
ХIунда ца олу! Иза-м адмашка далур долуш хIума ду.
Дездемона
Кхуза схьавола алахь цуьнга.
Инарла ас бертавалийна.
Дерриг а дIанисдала там  бу.
Забарча дIавоьду.
Эмили, ас сайн йовлакх мичахь дожийна техьа?
Эмили
Ца хаьа суна.
Дездемона
Дешех дуьзна бохча дайнехь,
Атта  ловр дара ас.
Сан ирсана Отелло хьекъале ву,
Цу  эмгараллаш  долчех тера а воцуш.
Эмили
Отеллогахь эмгаралла дац?
Дездемона
Дера дац. Цу бовхачу малхо
И сакхташ  цуьнан дагийна.
Эмили
ВогIуш ву и.
Дездемона
Кассиона  къинтIера и валлалц.
Дехарш деш, ас мукъа вуьтур вац.
Гучуволу Отелло
Муха ву хьо?
Отелло
ГIолехь ву
(АгIорхьа.) Хууш вац со моттаргIанаш лиело.
Хьо муха ю?
Дездемона
Баркалла, чIогIа дика ю.
Отелло
Куьг схьалол хьайн.
Ма тIуьна ду хIара.
Дездемона
Шераша я гIайгIано  дакъийна дац  и.
Отелло
Аьлларг дан кийча хиларан
Билгало ю иштта довха куьг.
ТIуьна хилча-м муххале .
ДоIанаш деш, марха кхобуш даим
Къардан диеза иштта довха дилха.
Цу чохь  шайтIа ду.
Цуо карзах а дуьйлуш, хьацар туху.
СовгIаташ дан кийча, куьг ду хIара.
Дездемона
И ала, бакъо ю хьан.
Кху кераюккъехь сайн дог хьуна делла.
Отелло
Дика а, комаьрша куьг ду хIара.
Хьалха куьйгаца цхьаьна дог дIалора.
ХIинца  куьг бен дIалуш а ма дац.
Дездемона
Хала ду цу кепехь хьоьца дийца.
Айхьа аьлларг кхочушдан вуй кийча?
Отелло
Ас хIун элира, сан хьомениг?
Дездемона
Аьлла  ас,  Кассио схьалаха,
Лууш шуьшиъ сиха бертаваха.
Отелло
ЖIаьлиун  хьакхаделла ву со хIинца.
Йовлакх кховдадехь соьга хьайн.
Дездемона
ХIан, дIаиэца хьайна.
Отелло
ХIара а доцуш, важа.
Муьлханиг ду хьуна  хьайна хаьа.
Дездемона
И соьгахь дац.
Отелло
Баккъалаъ?
Дездемона
Баккъалаъ.
Отелло
Халахиета. И дара сан нанна
Палтосучу  цхьана зудчо делла.
Цуо аьллера, и йовлакх ненехь мел ду,
Сан да ненах къаста йиш ма яц.
И йовлакх цуо дайъахь я кхечуьнга лахь,
Сан дас и йуьтур ю. Ша лечу хенахь
Нанас и соьга делира, шен несе дIало аьлла.
Ас и  хьуна делла.
И ахь Iалашделахь.Кхечуьнга и кхачахь,
Боккха буохам хир бу.
Дездемона
Баккъалаъ?
Отелло
Бакъ ду иза.
Ши бIе шарахь яхначу Себилас,
Шен къайлаха лаамаш  а кхайкхош,
ДаьIначу теца дуьйцина кIади ду,
Шеца чIогIа  холмачалла  долуш.
Дездемона
Бакъ дуй техьа и?
Отелло
Бакъ ду, боху.
Дездемона
Суна иза гина а ма делара!
Отелло
ХIан? ХIун хилла?
Дездемона
Соьга дера къамел хIунда до ахь?
Отелло
Йовлакх дайна? Мичахь ду и? Дийца.
Дездемона
Ва-а, Дела!
Отелло
Дийца.
Дездемона
Ца дайъина. Дайъинехь хIун хир ду?
Отелло
Муха дайъинехь?
Дездемона
Йовлакх ас ца дайъина.
Отелло
 Делахь хIета, схьагайта и суна.
Дездемона
ТIаьхьо гойтур ду. Бехказлонаш йитий,
Кассио юха а балха иэца.
Отелло
Йовлакх схьагайта. Даго вуониг хьоьху.
Дездемона
Цул гIолехь верг карор ма вац хьуна.
Отелло
Йовлакх!
Дездемона
Хьоьца  массо халонаш а йоькъуш,
Хьо лоруш, вала кийча  Кассио ву. 
Отелло
Йовлакх!
Дездемона
ХIан-хIан, иштта мегар дац!
Отелло
Сан бIаьргашна хьалхара дIаяла!
(ДIавоьду.)
Эмили
Цуьнгахь эмгаралла  дац?
Дездемона
Суна иштта дуьххьара гуш ву и.
Цу йовлакхехь цхьа къайле  хир ю.
И ца карош, со холчохь а ю.
Эмили
Шина шарахь цхьаьна Iийча а,
Майрачух доллург  хаа  хала  ду.
Хьо кIордийна хила мега цунна.
Кассио а, Яго ву схьавогIуш.
Гучуволу Кассио а, Яго а.
Яго
Цуьнгий бен далур дац иза.
ЧIогIа диеха, юха а  ца волуш.
Дездемона
ХIун олу ахь, Кассио?
Кассио
Доьху хьоьга,  сан гIо лацахь ахь.
Айса даима лоруш волчу, цуо
Бехк дIабаккхалц декъаза ву со.
Соьгара даьлларг гечдан мегаш дацахь,
Хадам болуш, сайга и схьааьлча,
Кхин некъ лаха суна атта хир ду.
Дездемона
Маржа-яI, хьо оьзда Кассио!
Мавр сан лаамера  гена ваьлла.
Хьалхалераниг а воцуш, иза
Хийцавелла. Ву и чIогIа къиза.
Сибат доцург, Отеллох ца дисна.
Сайн ма-хуьллу цуьнга  диехна ас,
Амма иза дарвелла. Сатоха.
Сайга далург, цадалург а дан,
Хьожур ю со.
Яго
И оьгIазвахна?
Эмили
ЧIогIа дарвелла дIаваха и хIинцца.
Яго
ОьгIазвахна? Сан бIаьргашна гуш,
Тхуна гена йоцуш, масех салти
Ирх а кхуссуш, цуьнан вешех кхетта
Йоккхачу тоьпан хIоо вийча иза,
ХIетахь  воьхна вацара Отелло.
ХIинца иза карзахваьлла бохург,
Хир  дац кIоргера бахьана доцуш.
И волчу вахна, ас цуьнца  къамел дийр ду.
Дездемона
И ахь делахь.
Яго дIавоьду.
Венецера цхьа кехат кхаьчна хир ду.
Я Кипрехь гучубаьлла къайлах барт.
Сингаттамо ойла бIарзйо вайн.
ПIелг лазийча, дерриг дегI а лозу.
Сан майрачун  тидам артлуш хир бу.
Бехк а боцуш. Ас и хьийзаво.
Эмили
Хьох шеквийлар доцуш, белхан гIайгIа
Хуьлда тахана и карзахвохург.
Дездемона
Ас шеквала бахьана ца делла.
Эмили
Шиеконашна бахьана ца оьшу.
Эмгаралла шашах кхоллало.
Ша шех тоам хуьлуш  йогу иза.
Дездемона
Цу цамгарх Отелло Iалашвойла!
Эмили
Хуьлда иштта!
Дездемона
Хьожу со и хIун деш ву.
Кассио, хьо кхузахь сацалахь.
Иза бертавало аьтто балахь.
Кассио
Баркаллица ладоьгIуш ву со.
Дездемоний, Эмилий дIайоьду.
Гучуйолу Бианка.
Бианка
Марша вогIийла, Кассио!
Кассио
Хаза Бианка, хьо муха кхечи кхуза?
Со хьо йолчу ван дагахь ма вара.
Бианка
Со хьо волчу. Хезний иштаниг?
ВорхI дийнахь-бусий гучу а ца волуш!
Мегар дуй ткъа, иштта къайлавала?
Кассио
Бианка, бехк ма билла. Мукъа вацара.
Жимма паргIатваьлча, цхьана хир ду вай.
ХIара санна йовлакх суна кечде.
(Дездемонин йовлакх дIакховдадо.)
Бианка
Мичара ду хIара? Керла йиезар ю?
КIира доккхуш цуьнца хилла-кх хьо?
ХIинца дерригенах кхийти со.
Кассио
И хьайн эмгараллин хабарш дита.
ХIара йовлакх зудчуьнгара дац.
Бианка
Хьаьнгара ду хIара?
Кассио
Хаац суна-м. Сан хIусамехь карийна.
ХIара тикма хазахиета суна.
Йовлакхан да гучувалале,
Кхечу йовлакх тIе и тикма дилла.
ХIинца вита со.
Бианка
ХIунда?
Кассио
Инарла схьаваре хьоьжуш ву со.
Зударшца суо гайта ца лаьа.
Бианка
И  хIун ду?
Кассио
Суна хьо ца йеза, ма мотталахь.
Бианка
Муха ца моьтту? Соьца волало.
Сарахь со йолчу схьавогIий хьо?
Кассио
ВогIур ву.
Бианка
Со Iиеха ма йелахь.
КIеззигчух а тоам беш ю со.
(ДIабоьлху.)

4-гIа дакъа

1-ра сурт. Кипр. ГIопана хьалха.
Гучуволу Отелло а, Яго а.
Яго
Хьуна иштта хиета?
Отелло
Кхин муха хиета диеза, Яго?
Яго
Къайлахь барт балар…
Отелло
Харцо а, боьхалла а.
Яго
Йерзина кхечуьнца  меттахь Iиллар а
Дика лоруш дац?
Отелло
Нийса хуьлий, йерзина и хилча!
Цу кепара мила Iиехо гIиерта?
Яго
Кхин совнахдерг цигахь хуьлуш дацахь,
Иштта ловзар тергалдан ца оьшу.
Юха а и йовлакхах дерг аьлча.
Отелло
ХIаъ и йовлакх.
Яго
И сан ду. Сайн зудчунна ас делла.
 Маьрша  ю и, цунах луъург дан.
Отелло
Шен сий а ду цуьнан долахь.
Маьрша юй и цунах луъург дан? 
Яго
Сий бохург – иза ду цхьа гIаларт.
Шайн сий, бохуш  дозалла деш болчех
Дукха бу, и сий доцуш. И йовлакх…
Отелло
Со и дицдан  гIиерта. Ахь   и карладоккху !
Ун деъначу  цIенна тIехула  хьийза,
ХьаргIа санна хьийзаш ду и дош
Сан кхиетамехь. Кассиогахь дуй и?
 Яго
И цуьнгахь хиларх, боккха  буохам бац.
Отелло
Амма, ирс а дац.
Яго
Эхь доцчо миска зуда а Iехийна,
Шен толам буьйцуш  дича дозаллаш,
Оьший ишттаниг а  тергалдан ?
Отелло
И дуьйцуш вара и?
Яго
Вара.
Отелло
ХIан? ХIан?
Яго
Ша цкъан а цунах къаьстар ма вац, бохуш.
Отелло
ТIаккха.
Яго
Цуо бохура…
Отелло
ХIун?
Яго
Ша цуьнца Iиллина…
Отелло
Хьаьнца? Цуьнций?
Яго
ХIаъ. ХIан-хIан. Ма алийта соьга.
Отелло
Iиллина. Юххе а тиеIаш. Цуо и сийсазйо. Муьлхачу дешнашца! Юххе тиеIаш. Иза  маьттаза ду. Йовлакх. Даре а дайтина, ирхъолла виеза. ХIан-хIан, цкъа  хьалха  ирхъоьллина, даре дайта диеза. Со виэгош ву. Къаьсттина билгалонаш а йоцуш,  иштта холчухIотта мегар дац. И сурт дуьхьал тесча! .. Марош, лергаш, балдаш! Со охьавужу. Даре дайта диеза.. ШайтIа!
(Кхетамчуьра волий охьавужу.)
Яго
Сан молха шен болх беш-м хьаха ду.
Хьайн болх бие ахь!
Iиехабала кийча болу Iовдалш иштта лоцу.
Иштта цIена зударий  а сийсазбо.
Самавала, сатеде хьайн, инарла!
Гучуволу Кассио.

Хьажа хьо, лейтенант.
Кассио
Кхунна хIун хилла?
Яго
Юхаъ моха йеъна.
Тахана шолгIа.
Кассио
Виски хьакхахь цунна.
Яго
ХIан-хIан, дала ларвойла.
Цамгар шен  боларехь такха йиеза.
Бетах чопа оьхуш, карзахвийла,
Тарло хIара. Меттаххьеш ву хIинца.
Хьо дIавало. ХIара меттавогIуш ву.
Со мукъаваьлча, къамел дийр ду вайша.
(Кассио дIавоьду.)
Хьуна  хIун хилла, инарла?
Лаза-м ца ви хьо?
Отелло
Сох кхаьрдаш ву хьо?
Яго
ХIан-хIан. Со муха  кхаьрдар вара хьох?
Дала ларвойла! Хьайна вас хиллехь,
Къонахчо санна иза лан ма йиеза.
Отелло
ЦIарматийн а, акхарой а хуьлу
Билгалонна йевла,  лекха маIаш.
Яго
Делахь хIета,  нах бехачу  меттехь
Дукха  ю ахь йуьйцу дийнаташ.
Отелло
Бакъ дуй иза? Цуо и бехк тIеоьцу?
Яго
ЧIагIлолахь, инарла. Хьо цхьалха вац.
Муьлххаъ  мар ву, хьо санна сагатдеш.
Хьо гIолехь ву, Iиехалур а воцуш.
Ма харцо ю йийриг  Iаламо ,
Тиешам боцчу зударех вай тухуш,
Церан цIеналлех доггах а тиешош!
Иштта делахь, хаа лаьа суна
Сайн иэхьах дерг, айса хIун дан диеза.
Отелло
Хьекъалча ву хьо. Бакъ луьйш а ву хIинца.
Яго
Цхьа хIума до вайша. Ас хьо хьулвийр ву.
Амма и лан  собар хир дуй хьоьгахь?
Ала дашна, хьо воьжначу хенахь,
Иштта  хилар товш а ма дац хьоьгахь,
Кассио гучувелира кхузахь.
Иза ас дIахьажийра чехка,
Хьоьгара хьал цамгарх доьзна аьлла.
Иза кестта юхавогIур ву.
Хьуна лаахь, цуьнца къамел дийр ду.
Хьайна лаахь, къайлахь тергалве и.
И  зуда хьахийча муха хийцало
Цуьнан сибат, йишмаIаш, цавашар.
Ас юх-юха  даре дойтур ду,
Хьан зудчуьнца и  маца,  моссуза хилла.
Цуьнан  чIечкъарш хьайн гур ду хьуна.
Амма, жимма сатедина хила!
Хьо ца хилахь, ас хьо лорур  вац.
Отелло
Дош ло ас, цкъачунна сатуоха.
Амма, цул тIаьхьа  хир ву кхоам боцуш.
Яго
Шен хан  ю массо хIуманан.
Хьо къайвала.
(Отелло къайлаволу.)
Дездемона  йуьйцуш ю моттуьйтуш,
Бианкех  дерг  Кассиога  ас хоттур.
И ма деца ша бакъдолу кхахьпа,
Цу  балхаца шена  рицкъа  лохуш.
Кассио дагавоьхна йогуш ю и.
Ша хийла да Iехийна а йолуш,
Кху цхьаьнге ша хIинца Iехайойтуш.
Цунах дерг хьахийча велало и.
СхьавогIуш ву.
(гучуволу Кассио.)
ХIара Iовдал виелавелча,
Дездемонех  и воьлуш ву моьттуш,
Кхин а чIогIа карзахвер ву мавр.
- Керланиг хIун ду, лейтенант?
Кассио
Сингаттам бен керла хIума дац.
Я со хIинца лейтенант а вац.
Яго
Амма, хир ву. Диеха Дездемоне.
Бианкас  хьо даржехь  чIагIвеш  хилча-м,
Сихха кхочуш хир дара и гIуллакх.
Кассио
Кхочуш  хир дара .
Отелло
(агIорхьа) Хьажахь цуьнга,  хIинца воьлуш  веца!
Яго
Иза чIогIа хьо дагавоьхна ю.
Кассио
Суна хиетарехь, хьераяьлча санна.
Отелло
(агIорхьа)  Бакъдо  иза, лечкъа а ца до.
Яго
Бакъдерг алахь, Кассио…
Отелло
(агIорхьа) Ма-дарра дийца боху цуьнга. Дика ду.
Яго
И яло дагахь вуй хьо? Цуо и чIагIдо.
Кассио
Хьа-хьа-хьа!
Отелло
(агIорхьа)  Воьлуш ву хьо? Воккхавие!
Байтамал-яI, бохур ду ахь кестта.
Кассио
Ялор ю тов! Ишттаниг  а яло,
Со  хьераваьла ву-м ца моьтту хьуна.
Хьа-хьа-хьа!
Отелло
(агIорхьа) Иштта, иштта, иштта.
Марах бер бу хьуна  хIара биелам.
Яго
Баккъалаъ ахь и ялор ю,
Бохуш  дуьйцу наха.
Кассио
Аьшпаш бу.
Яго
Сан хIун бала бу и аьшпаш битта?
Отелло
(агIорхьа) Со дуьненчуьра дIаваьлча санна!
Кассио
Цу Iовдало даржош ду  хабарш, шен  сатийсамех догйовха  хилла. Ас цуьнга  и хьахийна а дац.
Отелло
(агIорхьа)  Соьга хаамаш беш ву Яго.
Кассио
ХIинцца кхузахь яра иза. Суна тIаьхьа а яьлла лиелаш ю. Цкъа  хIорда йистехь венецианцашца къамел деш ву со. Мичара ели а ца хууш,  еъна сан  коьшкал хууш йоллу-кх. Иштта! Хьа-хьа-хьа! Иштта а!
Отелло
(агIорхьа)  Цуо «Сан Кассио!» бохуш,  ша хьестар аьшнашъеш ву-кх хIара.
Кассио
Йоьлхуш, со маракъуьйлуш, шеца дIаийзавора. Хьа-хьа-хьа!
Отелло
(агIорхьа) ХIинца Дездемонас  ша сан  метта дIаийзор гойтуш ву иза. Ма дика го суна хьан мара. Амма айса и мара хьалха кхуссур болчу жIаьлин мара-м ца го суна!
Кассио
Сихха цунах дIакъаста виеза со.
Яго
Хьажахь  йогIуш ю-кх!
Кассио
ЦаIебаш йолу пхьагал! Ма духIи диттина!
(Гучуйолу Бианка)
Суна тIаьхьа дукха уьдур йолуш юй хьо?
Бианка
Бехк ма билла, шайтIа  а, цуьнан нана а уьдийла хьуна тIаьхьа. Айхьа соьга делла хIара  йовлакх а дIаиэца. Iовдал яра со, хара хоьгара схьаэцна йолу. Иштта тикма дие, тов! Шуна хезний иштта къамел?Шен чохь карийна, хьенан ду а ца хаьа, боху. Со тийшира хьуна! Цхьан кхахьпано биезамна  дитна хир ду. Ткъа ас цунах тера тикма дан диеза. Дийр дацара хьаха!
Кассио
Ахь хIун до, сан хьоме Бианка?
Отелло
(агIорхьа) Сан йовлакх  ма ду иза!
Бианка
Хьо реза велахь, сарахь со йолчу вуола.
Тховса ца вагIахь, хьайна  ма-лиъи ван мегар ду хьуна.
(ДIайоьду.)
Яго
Цунна тIаьхьа вада чехка!
Кассио
Ца вадахь-м, цуо урамехь йоккха гIовгIа эккхийта а тарло.
Яго
Баккъалаъ сарахь и йолчу ваха дагахь ву хьо?
Кассио
ХIаъ, дагахь ву.
Яго
Делахь хIета, со а вогIур ву. Дан диезаш къамел ду.
Кассио
Дика хир ду.
Яго
Хьовсур ду вай. ТIаьхьакхиа цунна.
(Кассио дIавоьду.)
Отелло
(хьалхахьа а таьIаш.)
Яго, и муха вийча дика хир ду?
Яго
Ша лиелочух мел дозалла дуора!  Гирий хьуна?
Отелло
Ва-а, Яго!
Яго
Йовлакх девзирий хьуна?
Отелло
И сан йовлакх дарий?
Яго
Дара дера. Оцу хьан галъяллачу зудчух, вешаш а вац  и. Цуо шиена делла йовлакх, кхечу зудчунна дIаделла-кх.
Отелло
Юх-ха вуьйш, исс шарахь  вуьйр вара ас и. Баккъалаъ галъялларг ю. Миллаъ Iиехор волуш!
Яго
ХIара дерриг дицдан диеза ахь.
Отелло
ХIаъ, Яго. Суна  и тховссехь  йелла дIайолийла лаьа. Тховссехь  хила йиеза цуьнан кхиэл. Цхьана дийнахь  а хIара дуьне даа бакъо йац цуьнан. Сан  дагах тIулг хилла. Иштта ду. Амма, Дездемонил хазаниг дуьненчохь яц. Цхьана паччахьна юххехь товр яра иза, цуьнан дог ира-карахIиттош.
Яго
Хьуна иштта ойланашъян мегар дац.
Отелло
ШайтIанна дIало бохий ахь! Иза а бакъду. Дагаоьху суна. Мел куьйгаговзалла  ю цуьнгахь! Мукъамех мел дика кхиеташ ю. Цуьнан эшаршца  хьуьнхара ча а караIамалур ю. КIорггера хьекъал долуш зуда ю.
Яго
ТIаккха  кхин а галдаьлла гIуллакх ду-кх.
Отелло
Эзарза галдаьлла! Оцу шен биезамаллица, нахана ша йиезаялийта хаарца!
Яго
ТIех сов хаарца.
Отелло
Нийса боху. Яго, цунах къахиеташ ма ву со. ЧIогIа къахиета!
Яго
Хьайна иштта чIогIа къахиетахь, кхин дIа  а шена луъург лиело бакъо а лой, дIахиеца иза. Дерриг а хьан карахь ма ду. Хьо воцчух, кхин цхьаннах а хьакхалуш дац  и.
Отелло
Со Iиехавар! Кегий дакъош деш, цоьстур ю ас иза.
Яго
 ЛартIехь йоцург.
Отелло
Ткъа хьаьнца! Сан  куьйга кIелахь волчуьнца!
Яго
Цу тIехула тIе!
Отелло
Цхьа дIовш нисдехьа, Яго, тахханехь. Цуьнца къамеле вийла лууш вац со, шен  биезамаллица цуо Iиехорна кхоьруш. Виц а ца луш, таханнехь дIовш лахалахь, Яго.
Яго
ДIовшах хIун до? Цул  а ша эвхьазбаьккхинчу меттахь хьайн куьйгашца цуьнан садукъде.
Отелло
Дика ду. Дика ду. Нийса боху ахь.
Яго
Ткъа  Кассио суна вита ахь. Цунах дерг тховса хезар ду хьуна.
Дика  хир  ду!
( Сцени тIехаьа  зурма йиека.)
Отелло
И хIун дара?
Яго
Венецера цхьа хаам хир бу.
Лодовико а вогIу хьан зудчуьнца.
Гучубовлу: Лодовико а, Дездемона а, тIаьхьахIиттинарш а.
Лодовико
Хьо гуш хазахиета , инарла!
Отелло
Суна а хиета.
Лодовико
Маршалла ду хьоьга  сенаторшкара а, дожера а.
(Кехат дIакховдадо.)
Отелло
Ларамца барт  ло церан мухIарна.
(Кехат шен бете а хьой, юха схьадосту.)
Дездмеона
Лодовико, керланиг хIун ду?
Яго
Кипрехь хьо тIеиэцар сийлахь хиета.
Лодовико
Баркалла. Кассион  гIуллакхаш муха ду?
Яго
Дийна ву и.
Дездемона
Лейтенантан а, инарлин а юкъаметтиг чIогIа херйелла.
Хьох тиешна ду-кх. Церан барт ахь бича.
Отелло
Хьуна иштта  хиета?
Дездемона
Ца хеза суна.
Отелло
(Кехат доьшу.)  «Сихонца кхочушде.»
Лодовико
Омра доьшуш ву и, хьоьца къамел деш вац.
Кассиона инарла реза вац, боху ахь?
Дездемона
ХIаъ. Цу шиннан барт хийлийта
Лууш ю со, Кассио ас лору.
Отелло
Саьнгал, алу!
Дездемона
Ахь хIун боху?
Отелло
ЛартIехь юй хьо?
Дездемона
Ма оьгIазвахна.
Лодовико
Цу кехато вохийна и.
Сенато Венеце  дIакхойкху цуьнга.
Цуьнан метта Кипрехь вуьтуш Кассио.
Дездемона
Ма хаза кхаъ бу!
Отелло
Хазахиета хьуна?
Дездемона
Хьомениг, ахь хIун боху?
Отелло
Хьан эхь дарах воккхавиеш ву со.
Дездемона
Эхь дайна сан, хьоме Отелло?
Отелло
ШайтIа!
(Зудчунна тIара тIуху.)
Дездемона
Ца догIура суна!
(Йоьлху.)

Лодовико
Венецехь а тиешар бац!
Совнах ду хIара!
И къинтIерайаккха, йоьлхуш ю и.
Отелло
ШайтIа, ШайтIа!
Хилча, нагахь санна, латто кхуллуш,
Зударийн бIаьрхих цхьа дийнат,
Хир бара и шалхачу маттаца лаьхьа.
Къайлаяла! Лие!
Дездемона
(ДIайоьдуш.)  Хьо оьгIаз ца вахийта, дIагIур ю.
Лодовико
Ма муьтIахь ю! Юхаерзае и, инарла.
Отелло
ХIей, йоьдург!
Дездемона
 Сан хьомениг!
Отелло
ХIара ю-кх и хьуна, хьайна луъург дан.
Лодовико
Луъург дан?
Отелло
ХIаъ. И юхаерзае элира ахь.
Делахь хIета, кхунна дIаяха а, юхаян хаьа.
Юхаъ дIайоьду, юхайогIу.
Йелха а йоьлху. МуьтIахь зуда ю.
Басарш хьаькхна чорда моттаргIа ю.
БIаьрхиш Iиенаде.
- Ас хIара омра дешна.
- Къайлаяла! Иэшахь схьакхойкхур ю хьо.
- Кийча ву со Венеце новкъавала.
- Къайлаяла аьлча, къайлаяла!
(Дездемона дIайоьду.)
Кассиога  гIуллакхаш дIалур ду.
ХIинца шуьне кхойкху, веза хьаша!
Кипре марша вогIийла хьо!
- Бежалой, маймалаш!
(ДIавоьду.)
Лодовико
Шен  собарца  гIараваьлла волу,
Халонаша, дорцо ца къарвина,
Мавр ву хIара, сенато магийна?
Яго
И чIогIа хийцавелла.
Лодовико
Могаш вуй и?
ЛартIехь вуй те и?
Яго
Цунна кхелъян хIуттур  вацара со.
И ша верг ву. Нагахь санна вацахь
Ша хила везарг, Дала гIодойла
Цунна шех ша хила везарг хила.
Лодовико
Шен  зудчунна туоха!
Яго
Олуш там бацахь, и хуьлийла
Хила тарлучух уггар доккха вуон.
Лодовико
И кIоршамалла йолуш  вара и
Я цу кехато и карзахваьккхи?
Яго
Ма хетталахь. Суна тамехь дац
Цунах лаьцна совнах къамел дар.
Сан тIетуоха хIума а ца оьшуш,
Хьайн гур ду хьуна дерриге а.
Лодовико
Халахиета. Суна ца моьттура,
Мавро ша цу кепара гойтур ву.
(ДIабоьлху.)

2-гIа сурт. ГIопера  цхьа чоь.
Гучудолу Отелло а, Эмили а.
Отелло
Хьуна хIуммаъ хааделирий?
Эмили
Вуон хIума ца гина суна.
Отелло
Цуьнца Кассио  гиний хьуна?
Эмили
Гича хIун ду? Церан къамелаш  а хезна суна.
Отелло
Цара вовшашца шабарш ца дора?
Эмили
Ца дора.
Отелло
Хьо цу чуьра  арайолуьйтурий?
Эмили
ХIан-хIан.
Отелло
Мохтухург,  каранаш, туьтмIаьжг  схьая олий?
Эмили
Цкъалиг цкъа а.
Отелло
Инзаре  хIума ду!
Эмили
Инарла,  Дездемонин догцIеналла
ЧIагIъеш, сайн сих яла кийча хир ю со.
Кхин ойланаш  йича эхь ду хьуна.
Хьан лерехь цхьана боьхачу хIумано
Шабарш динехь, ченалахь  тиекхийла
Иза мацахлера лаьхьа санна.
Тешаме  йолчу, дикачу зудчуьн
Масала  хилла Дездемона  яцахь,
Кху дуьненчохь цIена доьзал бац.
Отелло
Яло цуьнга со кхойкхуш ву, ала.
(Эмили дIайоьду.)
Кхуьнга хеттар эрна ду.
 Зударех  тиешам бац.
(Чоьхьайолу Дездемоний, Эмилий.)
Дездемона
Соьга кхойкхуш вара хьо?
Отелло
Вара. Юххе схьахила.
Дездемона
ХIун лаьа хьуна?
Отелло
Хьан бIаьра хьажа лаьа.
Дездемона
И бохург хIун ду?
Отелло
(Эмилига.) Ара аялий, хIара неI дIакъовла.
Цигахь латта. Цхьаъ схьавогIуш гахь,
Йовхарш тухуш суна хаам беш.
ХIусамнана, ахь хьайн гIуллакх дие.
(Эмили арайолу.)

Дездемона
Гуораяхна доьху хьоьга ас,
Хун ду хилларг? Цхьа дарц даьлча санна,
Ду тахана   схьахезаш хьан аз.
Амма кхеташ дац хьан дешнийн маьIна.
Отелло
Мила ю хьо?
Дездемона
Хьуна муьтIахь йолу, хьан  зуда ю.
Отелло
Суна тиешаме хьо хилар  чIагIдеш
Дуй баал ткъа хIинца  суна хьалха.
Дездемона
Дуй боу ас, Дела теш а волуш!
Отелло
Цунна хаьа, хьо ямартхо юьйла.
Дездемона
Хьанна ямартло ас йина? Хьаьнца? Маца?
Отелло
ДIаяла, Дездемона.  Къайлаяла!
Дездемона
Ирча де! Хьо  хIунда  ву воьлхуш?
Алахь цу бIаьрхийн бахьана хIун ду?
Сан дас хьо  Кипрера  дIакхайкхина  моттахь,
Цуо со а шех дIакъастийна ма ю.
И хало лов ас.
Отелло
Сан ледарлдонна Дела оьгIазвахнехь,
Цуо  суна  Iанийча  баланийн  Iовраш,
И Iазап лан а ницкъ карор бара суна.
Массеран  Iиттарш, эладита лан а,
Хала дацара суна.Iемина со ву.
Амма, сайна уггаре деза хетарг
Ас дIаделла деган хазна яйча,
Эвхьазйаьккхина,  иза бехйича…
Собар лолахь суна, веза Дела!
Дездемона
Хьо сох тиешаш хиларе сатуьйсу.
Отелло
Довхачу дийнахь шайн  зирх тIе а туьйсуш,
Жижиг талхош хьийзачу мозех санна.
Мерза хьожа йогIу  асар буц,
ХIунда ю хьо кху дуьненчу яьлла?
Дездемона
ХIун къа латийна ас?
Сох  хIун даьлла?
Отелло
Шекъанца и  «кхахьпа» боху дош
ТIеяздан а мегар долуш  ю хьо.
Хьан къа гайтий, урамера йовссар,
Ахь динарг дийций  хьоьга, нехийн барз?
И ца олуш, эхьхиетта со вогу.
И ца гархьама, бутта къайлаболу.
Массо а хIума хьоьстуш хьийза мох а,
ХолчухIоьттина  дIатийна цхьанхьа.
Ткъа хьуна-м, кхаьхьпа, эхь хиеташ а дац
Сан букъ тIехьа айхьа лиелочунна?
Дездемона
Далла гуш ду, хьан  бакъо ма йац,
Со  цу кепара  ахь бехкеян .
Отелло
Кхахьпа яц хьо?
Дездемона
Делаца дуй боу, яц!
Нагахь санна,  майрачунна муьтIахь
Йолуш, нахах ларлуш цIена хилар –
Адамаша кхахьпалла ца ларахь,
Кхахьпа яц со.
Отелло
Кхахьпа яц?
Дездемона
Яц. Со  йеллаяларг!
Отелло
Хила йиш яц.
Дездемона
Дела, орцахвала!
Отелло
Делахь, бехк ма билла. Суна  тарделлера.
(Мохь тухуш.) Чуйола хIинца, къинойн кевнахо.
(Эмили чоьхьайолу.)

Тоьур ду. Юьйцург хьо хилла.
Хьайн  мотт сацорна хIара ял ю хьуна.
(ДIавоьду.)
Эмили
ХIун бохура цуо?
Хьуна хIун хилла?
Дездемона
ГIенах долуш санна.
Эмили
Хьан майрачунна хIун хилла?
Дездемона
Кхин майра вац сан.
Ма хетталахь, Эмили.
Къамелдан а, йелхаъ гIора дац.
БIаьрхиш дац сан, уьш доцург жоп а дац.
Сан меттахь нускалан шаршуш  йилла.
Со йолчу ахь схьакхайкха Яго.
Эмили
Ма боккха хийцам бу!
(ДIайоьду.)

Дездемона
Хьакъхилла!
Нийса ду! Амма, хIунда?
Соьгара хIун даьлла, оццул чIогIа сийсазъян а, бехкеян а?
Юха догIу Эмили а, Яго а.
Яго
Хьо кхайкхирий соьга? ХIун хилла?
Дездемона
Хаац суна-м.Воккханиг жимчуьнца
КIеда-мерза  хила  виезара.
Со  кхечу кепара човхо мегар дара.
Цунна хьалха со бер санна ю.
Яго
Бохург хIун ду?
Эмили
Хьайна хезнехьара.
Мавро кхуьнга ца олуш хIун дити.
И лан диеза? Кхахьпа  ю хьо, боху-кх.
Дездемона
Алахь, хьакъярий со и «цIе»  тилла?
Яго
ХIун цIе?
Дездемона
ХIинцца хьуна Эмилис  а олуш,
Хезна  йолу  оьзда йоцу цIе.
Эмили
Хьо кхахьпа ю, боху-кх.
Шен зудчуьнга муха эр ду и?
Яго
Иштта хIунда олу цуо?
Дездемона
Хаац суна-м, сайгара хIун  даьлла.
Эмили
Шен да, гергарниш, йина меттиг йитна,
И дешнаш хаза кхуза еъна хилла?
Муха  йоьлхур яц?
Дездемона
Кхоллам хилла.
Эмили
Эхь ца хиета цунна.
Яго
Мичара даьлла и?
Дездемона
Далла хуур ду-кх.
Эмили
И эладита  шен аьттонан дуьхьа,
Цхьана  боьхачу стага кхоьллина  ма ду.
И  иштта хилар шуна  гучудер ду.
Аш со ирхъоллахь, чIагIдо ас.
Яго
Ахь буьйцу нах дуьненчохь а бац.
ХIун дагадеъна!
Дездемона
Гечдойла Дала,  велахь, иштачунна.
Эмили
И кхоаван! ХIунда аьлла кхахьпа?
Мила, мичахьахула веъна хIара йолчу?
Цхьа маттана шера боьха хIума ю-кха,
Мавран  лерехь и  къамелаш деш.
Ас лохур вара и. Цул тIаьхьа хIоранга а
Цхьацца сара  кара а белла, лоьхкуш
Дуьне ма-дду  вара иза  эккхор.
Яго
ГIовгIа мае!
Эмили
Ишттачарна сара  бетта биеза!
Цхьана  ишттачо галваьккхира хьо а,
Со Отелллоца  лиелаш ю бохуш.
Яго
Iовдал, гена яла!
Дездемона
Алахь, Яго, майрачуьнца ас
ХIун  дина и бертавало виеза.
Цуьнца къамел диехьа. Хууш яц со,
Тхойшинна юккъешхула хIун лаьхьа  баьлла.
Со гуорайоьжна. Нагахь санна со
Отелло вицвеш, кхечу стаге хьаьжнехь,
Цуо со йитчаъ суна и вицлахь,
Делан къинхиетам ма хуьлда суна.
Амма цабиезам – и доккха вуон ду.
Шен гамоца дуохадо сан дахар.
Хуорам бо цу «кхахьпа»  бохучу дашо.
Кху дерриге дуьненан а бахам
Сайна белча со хир яцара иштта.
Яго
Дита иза. Хьайн сатеде. Дерриг чекхдер ду.
Политико, гIайгIанаша хьийзош
Ву и, цундела и карзахволу.
Дездемона
Делар и иштта!
Яго
Хьо тиешалахь
(Сцени тIехьа зурма йиека.)

Пхьуьра хан ю. Шуьне кхайкха биеза ахь
Венецера баькхина и хьеший.
Ма йелха. ДIагIо. Дерриг  нислур ду.
Дездемони, Эмилий арайолу. ЧувогIу Родриго.

Родриго, муха ву хьо?
Родриго
Хьо соьца  гIиллакх лиелош вац.
Яго
Масала?
Родриго
ХIора дийнахь хьайн хIилланаш лиелош, суна пайданал сов зен деш воллу хьо.Тоьур ду! ХIинца дуьйна дIа иштта хир дац.Цул сов хьо бахьана долуш, айса хIнццалц лайначунна хьуна  гечдина а вац со.
Яго
ЛадогIахь цкъа соьга.
Родриго
Ас хьоьга дукха ладегIна! Хьан къамелаш хьан гIуллакхашца цхьаьнадогIуш дац.
Яго
Бакъ дац, бакъ дац.
Родриго
Бакъдерг ду. Къаьхьа бакъдерг а ду. Со дакъазваьлла.  Ас хьоьга Дездемонига дIало аьлла  деллачу дешех ах дIаделча,  мозгIар-зуда а Iиехалур яра. И деши ша дIаоьцуш, сан дегайовхо хила мегар ду олура  цуо, бохура ахь. Цкъачунна гучудаьлла хIума дац.
Яго
Башха ду. ТIаккха.
Родриго
ХIаъ. ТIаккха а дац, я башха а дац.  Кхин дIа данне а дац. И чамбоцуш а ду. Хьо  со Iиехош, хьайн гIуллакх деш ву.
Яго
ЧIогIа дика ду.
Родриго
Ас боху-кх хоьга, и данне а дика дац. Со Дездемона йолчу гIур ву. Цуо сан  деши схьалахь, со юхавер ву, дохко а вер ду. Цуо схьа ца лахь, ас  хьоьга охьадуьлуьйтур ду и деши.
Яго
Хьо аьлла веларий?
Родриго
ХIаъ. Иза ас кхочушдийр ду.
Яго
ХIаъ! ХIинца хьо меттахволуш ву! Дика кхиета со хьох! ХIинца хьо суна сийлахь хир ву. Родриго, схьалол хьайн куьг! Ахь бакъдерг боху. ХIетте а. сол дика хьан гIуллакхе хьажа  кхин стаг вац хьуна.
Родриго
Хаалуш-м дац и хьан дика хьажар.
Яго
Юхаъ бакъву хьо. Хаалуш дац. Хьо сох цатиешар а нийса ду. Делахь хIета, хьо хIинца айхьа ма-бохху, чIогIа а, майра а велахь, тховса гайта иза. Кхана сарахь Дездемона хьан ца хилахь, со урам новкъахь я хьайн луучу кепехь вей дIаваккха.
Родриго
ХIун дан диеза ас?
Яго
Венецера омра деъна, Отеллон метта Кассио дIахIоттаве аьлла.
Родриго
Бакъдуй иза? ТIаккха Отелло а, Дездемона а Венеце дIагIур ду?
Яго
ХIан-хIан. Кхин хIума дуьхьала ца далахь, Дездемона а иэцна, Мавритане  дIагIур ву иза. Масала, и ца хилийта, Кассио дIаваккха мегар дара.
Родриго
И бохург хIун ду?
Яго
И дера ду, Отеллон метта  хIотталур воцчу тIевоккхуш. Кассион  корта ата беза бохург.
Родриго
Соьга и дие, боху ахь?
Яго
Хьайн диканиг хила лууш, хьо велахь. Тховса цхьана  зудчуьнца сакъоьруш хир ву иза. Со а цига гIур ву. Ша даржехь лакха воккхуш вуйла, ца хаьа цунна хIинцаъ. Цунна кIиелоян лаьий хьуна? Буьйса юккъе яханчул тIаьхьа  шен цIавоьдуш хир ву иза. Хьо цунна тIелата. Со гена воцуш хир ву. Вайшиъ цуьнга иэшалур вац.  Бага хIунда гIаттийна ахь? И виен бахьанаш дукха гойтур ду ас хьуна цигахь. И дIаваккхар хьайн диекхар ду, аьлла хиеташ хир ву хьо тIаккха.
Со тIаьхьа вуьсуш ву. Вало.
Родриго
Ахь хIун  гойту хьовсур-кх вай.
Яго
Со бакъ вуйла хуур ду хьуна тIаккха.
( Ший а дIаваоьду.)

3-гIа сурт . ГIопера важа чоь.
Гучубовлу: Отелло а, Лодовико а, Дездемона а, Эмили а, кхибершщ а.

Лодовико
ТIаьахьадовла  оьшуш дац.
Отелло
Жимма вуолавалар  суна дика ду.
Лодовико
Буьйса декъал хуьлда, Дездемона.
Дездемона
Хьо тхан  веза хьаша ву.
Отелло
Араволий вайшиъ? Дездемона!
Дездемона
ХIан?
Отелло
Метта яла. Со  хIинца схьавогIу. Эмили  дIаяхийта. Хезий хьуна, иза кхочушделахь.
Дездемона
Дика ду, сан эла.
Отелло а, Лодовико а, тIаьхьахIиттинарш а дIабоьлху.

Эмили
Муха ду? И кIеда ву хIинца.
Дездемона
Ша схьавогIу, хьо паргIат а  юьтуш,
Метта  яла аьлла соьга цуо.
Эмили
Со  мукъа йита?
Дездемона
Цунна иштта лаьа. Схьалой юьжу духар,
Хьо дIагIуо, цуо бохург дан диеза.
Эмили
Хьуна и вевзина вацахьара.
Дездемона
Ма ала иштта! И суна чIогIа виеза.
 И яппарш, кхийсарш цуьнгахь  товш а хиета.
Эмили
Ахь ма-баххара,  мотт  билли ас.
ХIетахьлера шаршуш  тIе а тесна.
Дездемона
Хьайл хьалха  сан  дIаялар  нислахь,
Марчон  метта и шаршу а хьарчош,
Со  кечъелахь.
Эмили
Ишттаниг ма ала! Дошдоцург  ма дийца!
Дездемона
Сан ненан ялхо  яра Варвара бохуш.
ТIехийзачу кIанта ша  дIатесна йитча,
Йиш  лоькхура цуо, шен бала а белхош,
ГIийла доьлхуш долу, дак а дуьйцуш.
Цу эшарца а и дIа а кхелхира.
Тховса сан  дагахь а ду и дак,
Сарахь дуьйна  ойла карзайохуш.
Варварас санна, куьйга корта  лаьцна,
Йиш локхур ю. – Чехкка!
Эмили
Юьжуш тIеюху  коч схьаэций?
Дездемона
Ца оьшу. И кхин а цхьа маха дIабаккха.
Лодовико ледара ма вац.
Эмили
Хаза стаг ву!
Дездемона
Къамел дан хууш ву.
Эмили
Венецехь суна евзаш цхьа зуда ю,
Цуьнан лахарчу балдех хьакхаялархьама,
ГIаш некъбеш, Палестине  гIур яра ша, бохуш.
Дездемона  (йиш локху)

Декъаза жиманиг  йоьлхура  яйн
Хин  йисттехь, бIаьрхиш а Iенош.
Дак хьостуш, даггара йиш лакха вай.
Ва, дак, хьан  баьццара генаш.
Буоберан когашкахь ловзура  хи.
Ва,  дак, хьан баьццара генаш.
ТIулгаш а бодлора  шайна гуш и.
Ва, дак, хьан баьццара генаш.

Сихха дIаяха хIорш.
Кестта схьавогIур ву и.
(йиш локху.)                Вас йинарг  ас…

Цхьадолу дешнаш дицделла суна.
НеI етта!
Эмили
Мох бу и.
Дездемона
(йиш локху.)
Диканца йицйийр ю цуо йина вас.
Ва, дак, хьан баьццара генаш.
Сайн бехк буйла хууш, и ловр ду ас.
Ва, дак, хьан баьццара генаш.
Ма елха, боху цуо, хьо хаза йу.
Ва, дак, хьан баьццара генаш.
Со санна зударий болчу хьо гIуо.
Ва, дак, хьан баьццара генаш.

ХIан… дика ду. ДIагIуо. Буьйса декъал хуьлда.
БIаьргаш кIамло сан. Елха доьгIна хила а мега.
Эмили
Ма алахь иштта!
Дездемена
Хьалкъан тидам бу.
Буожарий, хIай, буожарий  тамашийна бу!
Алахь, Эмили, марехь болу зударий галбевлла хила тарлой?
Эмили
Тарло.
Дездемона
ХIара дерриге а дуьне хьайн доладаьккхича а,  хьо галъер ярий?
Эмили
Хьо а йер йацара?
Дездемона
Дела теш волуш, соьга далур дацара и.
Эмили
Дела теш а волуш, соьга а далур дацара и. Амма цхьана бодашкахь-м,  хIунда ца дора и!
Дездемона
Хьайн майрачунна ямартло йийр яра ахь?
Эмили
Оццул беза мах белча?
Дерриге а дуьне сайна схьалуш хилча?
Доккха дуьне бохург – жима хIума дац,
Оццул кIезигчу забарх.
Дездемона
ХIан-хIан, бакъдац.
Хьоьга и далур дацара.
Эмили
Далур дара. Суо охьа а южур яра. Суо гIоттур а яра.  КIез-мезгачу хIуманех: декъазчу чIагарх, ши-кхо кийсиг кIадех, кучах я кхечунах бохург-м дошдоцург ду. Амма дерриге а дуьненах! Майрачунна цкъа маIаш а йоьгIна, цул тIаьхьа цуьнан когашка дерриге а дуьне  охьа а диллина, жоьжахате яха а мегар  ма ду.
Дездемона
НеIалт хуьлда суна, соьга и далур делахь!
Эмили
Дерриге а дуьне хьайн дола даьлча,  и муха нисделла бохург  хьайн  луъучу кепара  дийца а   бакъо хир ма ю хьан.
Дездемона
Иштта ямарт зударий бу аьлла, ца хиета суна.
Эмили
Дукха бу хьуна.
И саннарш  каро хала дац.
Зударий эвхьазбовларна бехкениш
Буожарий шаьш бу. Ледара  бу,
Я шайн ницкъ кхечучарна тIехьажабо,
Бахьана а доцуш шайн зударех ца тиешаш хуьлу,
Я царна йетташ, уьш гатте хьовзабо,
Я цара шайн денцIера беъна бахам хIаллакбо.
Вай а ма дац декъаза Iахарий.
Биехкам балур болуш ду,
Церан  санна синхаамаш болуш,
Царна гург гуш, мерзаниг, муьстаниг  къастош.
Вешан меттана цара кхиниг хаьржича, хIун лоьху цара?
Керла синхаамаш, хийцамаш?
Вайнаъ биеза-кх уьш иштта, бихкина белахь а,
Царна санна, цаьргара масал оьцуш,
Ду вай лиелорг. Вайна бехк ма билла.
Дездемона
Буьйса декъал йойла. Со ишттачех яц.
Бехк ца биллийта, нисйала йу кийча.
(ДIабоьлху.)


5-гIа дакъа

1-ра сурт. Кипр. Урам.
Гучуволу Яго а, Родриго а.

Яго
Оцу бIогIамна тIиехьа дIахIотта.
Кестта иза гучувер ма ву.
Тур баттара даккхий, мало йоцуш, туоха.
Шек ма вала. Суо генахь хир вац.
Майра хила. Я толам, я иэшам.
Родриго
ДIа ма гIуохьа, хIун хуьлу хьанна хаьа.
Яго
Со юххехь хир ву. Хьайга бохург  дие.
(Юьстахволу.)


Родриго
И виен лаам бац сан. Виен виеза-кх,
Ягос тIедожийна суна и.
Делахь хIета, цхьа адам дIадер ду дуьненчуьра.
(БIогIамна тIиехьа дIахIутту.)
Яго
Родриго хIинца чIогIа карзахваьлла.
Хьан мила вуьйр ву?
Цуо Кассио. Я Кассиос иза?
Я ший а вовшийн карах вала мега.
Суна пайдехь хир хуъу а хилахь.
Родриго дийна висахь, Дездемонин аьлла
Делла совгIаташ юхадала диеза.
Иза хир ма дац.
Ткъа Кассио дийна висахь,
Цуьнан ирсахь хьоьгуш,
Сайн маьттазалла гуш.
Иза а хир ма дац.
Маццаъ мавро ас  хIара  емалвар
Кхуьнга дийцахь, кхиераме ма ду.
ХIара вала виеза. ВогIуш ву.
(Гучуволу Кассио.)
Родриго
Цуьнан  буолар. Iожалла ю хьуна!
(Кассиона тIекхиета.)
Кассио
ХIара гIагIа суна тIехь ца хиллехь,
Велла Iуьллу хила мегар со.
Хьан гIагIа муха ду вай хьовсур ду.
(Родригона човйо.)
Родриго
ЭхI! Со вийна!
КIелонера чухьодий, Кассиона букъ тIехьахула човйо Ягос
Кассио
Со вийна, Вийна со!
(Охьавужу.)
Гучуволу Отелло
Отелло
Кассион аз ду и.
Яго ша аьлларг кхочушдеш  ву.
Родриго
Со боьха хIума ю.
Отелло
ХIаъ и ву и.
Кассио
ЦIе латае! Лор! Орцах довла!
Отелло
Ву дера иза-м.
Тиешаме доттагI, сий лардийриг,
Луьра биекхам бийриг – Яго,
Хьо санна дог чIогIа хир ву со.
ГIургIаз, хIинца дIаваьлла хьан виезар.
Цунна тIаьхьа  хьо яха  а йиеза.
Сайн куьйгашца новкъайоккхур ю хьо.
(ДIавоьду.)
Гучубовлу Лодовикой, Грацианой.
Кассио
Кху гондахьа  цхьа а адам дац те?
ГIаролхой  я гIашлой?
Кхуза! Орцах довла!
Грациано
Буохам хилла. Мохь хьоькхуш ву цхьаъ.
Кассио
ГIо дейша!
Лодовико
Хьуна хезарий?
Родриго
Боьха хIума!
Лодовико
Шиъ я кхоъ ву и маьхьарий детташ.
ТIе ма гIуолахь. Боданехь кIиелоян
Тарло цара.
Родриго
Цхьан а вац цигахь?
ЦIий ца соцу сан!
Лодовико
Хезарий хьуна?
Карахь хаьштиг а долуш гучуволу Яго.
Грациано
Герз а карахь цхьаъ ву схьавогIуш.
Яго
Мила ву мохь хьоькхуш?
Орца дохург мила ву?
Мила ву вуьйш?
Лодовико
Тхуна-м ца хаьа.
Яго
Шуна ца хезара?
Кассио
Кхуза схьадуьйла!
Кхуза! Делан дуьхьа, гIодейша!
Яго
ХIун хилла?
Грациано
Отеллон  лейтенантан аз  ду моьтту суна.
Лодовико
Нийса боху ахь. И кхералур воцуш  ву.
Яго
Мила ву хьо?  Вистхила!
Кассио
Хьо вуй иза, Яго? Со леш ву.
Талор дина суна. ГIо диехьа!
Яго
Сан Дела! Лейтенант?
Зуламхой мичахь бу?
Бевдда хIорш?
Кассио
Царах цхьаъ воьжна Iуьллий тиехьа?
Яго
ХIара хьашдоцург ду!
Мичахь бу зуламхой? Ас гойтур царна!
Шуьшиъ мила ву? ГIо дейша!
Родриго
ГIо дейша суна!
Кассио
И ву и суна тоьхнарг.
Яго
Боьха  зуламхо!
Родригона  шаьлта Iутту.
Родриго
Ямартхо Яго! Боьха жIаьла ду хьо!
Яго
Боданехь Iиттаршъян мегар дац!
Вуьйш мичахь бу? ГIала тийна ю.
Адам дийна! Шуьшиъ мила ву?
Лаа я тара лиелаш вуй  кхузахь?
Лодовико
Хьажа леррина.
Яго
Хьо ву и, Лодовико?
Лодовико
Со ву.
Яго
Бехк ма билла.
Кассиона таллорхой тIелетта.
Грациано
Кассиона?
Яго
Муха ву хьо?
Кассио
Ког  аьтта сан.
Яго
Сан Дела! Серло лойша!
Ас кучаца дIабоьхкур бу и.
(Гучуйолу Бианка.)
Бианка
Мила ву орца дохург?
ХIун хилла кхузахь?
Яго
ХIара  ву лазийнарг.
Бианка
Хьоме Кассио!
Сан Кассио. Сан хьоме Кассио!
Яго
Цхьаннах а шек вуй хьо?
Кассио
Шиеко цхьаннах а яц сан.
Грациано
Хала хиета, лейтенант, хьо кху хьолехь волуш.
Хьо лоьхуш вара со.
Яго
Чов дIаехка  кIадин цуьрг дуй цхьангехь а?
Барам  лехна  цIа вахьа виеза хIара.
Бианка
Кхиетамчуьра ваьлла хIара! Кассио!
Яго
Даго хьоьху,
ХIара шайтIа  зуламхошца  ду бохуш.
Важа адам мичахь ду? Серло  лойша!
Мила ву хIара? Велахь а вацахь а,
Сан доттагIа Родриго ву-техьа?
Муха нисделла? Дера ву – Родриго!
Грациано
Венецера Родригой?
Яго
ХIаъ иза ву. Хьуна вевзий хIара?
Грациано
Вевза.
Яго
Бехк ма билла. Грациано, кху гIовгIанехь ца вевзара суна хьо.
Грациано
Хьо гина хазахиета.
Яго
ХIан, Кассио, меттавеъний хьо?
Барам  оьшур кхузахь.
Грациано
Родриго? Баккъалаъ!
Яго
Хала хиетахь а.
Барам  а схьакхечи.
Чубохьу барам.

ДоттагIий, хIара аш ларвеш  цIа  вига,
Кестта  лор ас  дIавалор  ву цига.
ХIара вийна Iуьллург доттагI вара сан.
- Кассио, хIун хилла шуна юккъехь?
Кассио
ХIуммаъ ца хилла. Суна и ца вевза.
Яго
(Бианкига.) Хьо бос баьхьна ю?
ДIахьо и дакъа. Бос хийца ца оьшу.
Гой шуна, и мел йоьхна ю.
Эрна дац  цуо и бIаьргаш къерзор.
Кестта бакъдерг  гучу дер  ма ду.
БIаьргаша схьагойту бехкехилар.
Гучуйолу Эмили.
Эмили
ХIун хилла кхузахь? Яго, хIун хилла?
Яго
Боданехь  Кассиона тоьхна.
Родриго а, цуьнца накъостий а хилла.
Уьш бевдда.  Кассио лазийна.
Родриго  а  оцу девнехь вийна.
Эмили
Миска Кассио! Декъаза Родриго!
Яго
И  до-кх цу кхахьпалло.
Хьо тховса хьаьнца вара, хаттал цуьнга.
(Бианкига.) Йегош юй хьо?
Бианка
Со йолчохь и вара.
Амма йегош йанне а йац со.
Яго
Хьоьца вара и? Хьо схьалаца йиеза.
Эмили
Эхь доцу кхахьпа!
Бианка
Со кхьахьпа йац. Хьо санна зуда  йу.
Хьо мохь беттарг йу.
Эмили
Эхь ца хиетарг!
Яго
Цул а Кассио волчу гIур ду вай.
(Бианкига.)  Яло, ахь тоьшалла дан диеза.
Эмили,  чехка гIопе хьо дIа гIо,
 Кхузахь  хилларг  цаьрга  ахь  дIадийца.
(агIорхьа.) Хьалхахьа!  ХIокху  буьйсано
Со айъа мега, я хIаллаквийр ву.
ДIабоьлху.

2-гIа сурт.
ГIопехь вуьжуш йолу чоь.
Дездемона меттахь Iуьллуш ю.
Богуш чIурам а бу. Чоьхьаволу Отелло.

Отелло
Иштта ду сан диекхар.
Иштта ду сан диекхар.
ЦIена седарчий,
Шуна   хьалха  кхуьнан  бехк  дIабийца
Эхь  хиета суна. ХIара хIаллакйан.
Ас Iанор дац кхуьнан цIий.
Ло санна кIай долчу  чкъурах хьакхалур вац.
Кхин къинош ца лиетош, лийр ю  хIара.
Цкъа хьалха чIурамна хIуп  аьлла,
Кхунна а хIуп эр ду.
ЧIурам юха  а хьала латалур бу.
Ткъа хьо дIаяйча, хьан серло дIаяьлча,
Хьалха ма-хиллара хьо юха лато,
Кху  дуьненчохь Пхьармат карор вац.
Дакъалур ду  схьахадийна ровзан.
Башха ду хьо хьайн кулла тIехь долуш!
(Дездемонина бартло.)

ЦIена садиеIар! Хьуна хьалхахь мотт соцу
Нийсачу кхиэлан.
Кхин цкъа а, кхин цкъа а. Иштта хила яллалц.
Ас садукъдийр хьан – хьо йиезаш, хьеравер ву.
ТIаьххьара. ТIаьххьара. Иштта  мерза
Барташ  вовшашна ца даьхна вайша.
Дала шена виезарг  дIахьош санна,
Велха а воьлхуш, таIзар  до ас хьуна.
ХIара самаели.
Дездемона
Отелло, хьо вуй хIара?
Отелло
Дездемона, ву.
Дездемона
Охьа вуьжий хьо?
Отелло
Юьжуш  доIа дирий ахь, Дездемона?
Дездемона
Дира, хьомениг.
Отелло
ДоIа данза дисна  къинош хьайгахь делахь,
Сиха доIанаш дие.
Дездемона
Хьо  хIун ала  воллу?
Отелло
Сихха доIа дие. Со ладугIуш Iийр ву.
Дареданза хьо йиер, тIе  ма догIийла.
Дездемона
Со йиер ду ахь дуьйцург?
Отелло
Ду хьо йиер.
Дездемона
Къинхетам биелахь, Дела!
Отелло
Даггара,  амин!
Дездемона
Тиешаш йу со,  ахь со йуьйр ма йац.
Отелло
ГIм!
Дездемона
Амма бIаьргаш къиерзош,  кхиерайо  ахь.
Хьуна хьалхахь суо мел цIена хиларх,
Кхоьруш  йу со.
Отелло
Хьайн къинойн ойлае.
Дездемона
Хьо виезар бен, кхин къинош сан дац.
Отелло
Цундела хьо лийр йу
Дездемона
Биезам бахьанехь  йиер адамалла дац!
Цергаш хIунда хьиекхайо ахь  дера?
Сайн бехкенна и лара со ца хIутту.
Отелло
Йист ма хила!
Дездемона
Дийцахь ткъа, хIун хилла?
Отелло
Ахь Кассиона совгIатна дIаделла
Ас хьайна делла  йовлакх.
Дездемона
Бакъ дац и. Кассиога хатта.
Дуй боу ас, ца делла.
Отелло
Кху Iожаллин меттахь Iуьллуш йолуш,
Къера дуй ма баа! Ларлуш хила!
Дездемона
Муьлхха а мотт санна мотт бу хIара.
Отелло
Хьо тховса лийр йу. Къароеш схьадийца
Хьайн къинош. Суна дерриг хаьа.
Сайна иза атта доцушшехь а, ас хьо йуьйр йу.
Дездемона
Дела, сох ахь хьайн  биехьа!
Отелло
Амин, боху ас.
Дездемона
Ахь а биехьа сох къинхиетам.
Хьуна хьалхахь со бехке ма йац.
Кассио ас  лорур  муьлххаъ адам санна.
Отелло
И йовлакх цуьнгахь суна  сайна гина.
Хьан аьшпаш сан дагах  тIулг беш бу.
Дездемона
Цунна иза карийна хир ду.
Ас цуьнга и йовлакх ма ца делла.
Цуьнга хаттахь, цуо и чIагIдийр ду.
Отелло
Цуо чIагIдира.
Дездемона
ХIун элира цуо?
Отелло
Элира, ша хьоьца цхьаьна хилла.
Дездемона
Муха? Хила мегаш доцчу кепара?
Отелло
ХIаъ.
Дездемона
Аьлла хир дац!
Юха алалур дуй цуьнга?
Отелло
Алалур дац. И даимна дIатийна.
Яхьйолчу Ягос и кхиэл кхочушйина.
Дездемона
 Сан  кхиерамаш,  бакъхилла уьш!
Даго хьоьхура!  Кассио а вийна?
Отелло
КIелхьарвала меттиг бацара цуьнан.
Дездемона
Буохам! Цунна  харцонца кхиэл  йина.
Со хIаллакьхилла.
Отелло
Кхахьпа, суна хьалхахь  цунах йелха
Муха яьхьа хьо, ца хиеташ эхь?
Дездемона
ДIаэккхаяй, дийна йитахь со.
Отелло
Лие, ямартхо!
Дездемона
Цхьа де-буьйса даккхийтахьа соьга!
Отелло
Дуьхьалйуьйлуш?
Дездемона
Ахсахьт даккхийтахь!
Отелло
ХIан-хIан. ТIаьхьа ду. Сацам хилла  баьлла.
Дездемона
Цхьана минотехь!  ДоIа дайтахь соьга!
Отелло
Хан чекхъяьлла
(Цуьнан садукъдо.)
Эмили
(сценин тIехьара.)
Инарла, чуятийта со!
Отелло
НеIарехь гIовгIа ю.
Дийна ю хIара! ХIинцаъ дийна ю!
Къиза велахь а, къинхиетаме ву со.
Хьоьга дукха бала ца хьоьгуьйтуш,
Иштта. Иштта.
(шаьлта Iутту.)
Эмили
(сцени тIехьара.)
Чуяийта со, инарла! Чуяийта!
Отелло
Мила ву цигахь?
Эмили
(сцени тIехьара.)
Инарла, соьга цхьаъ алийта!
Отелло
Эмили! Кассио дIаваларх,   хаам бохьуш, еъна хир ю.
ХIинцца. ХIинцца. ХIара кхин меттаххьовр яц.
Кошахь санна тийналла дIахIоьтти.
Эмили чуяийти ас. Я эшац.
ХIара меттаххьайра. Тарделира суна.
Ца оьшу чуяийта. Чуеъча,
Сан зудчуьнга  йистхир ю. Зудчуьнга?
ХIун зудчуьнга? Кху дуьненчохь  сан зуда ма яц.
Ма инзаре хIума хIара ду!
Малх а, бутт а боцуш бода хIоьтти.
Кху боданехь диегадеш ду латта.
Эмили
(сцени тIехьара.)
Доьху хьоьга, инарла, чуяийта со!
Хьоьга беъна цхьа хаам бу сан.
Отелло
Эмили. Суна йицйеллера.
Собар делахь. Шаршу дуьхьал узу.
(НеI схьайоьллу.)
Чоьхьаяла .
Чоьхьайолу Эмили.


Эмили
Инарла цу арахь стаг вийна.
Отелло
Хила ца мега!
Маца? ХIинцца?
Эмили
Инарла, дукха хан йоцуш.
Отелло
Беттан Iаткъам бу.
И чIогIа  лаьттана герга беъна,
Массо а хьеравоккхуш боллу и.
Эмили
Родриго бохуш  волу  цхьа венецхо
Кассиос шен куьйгаца дIаваьккхина.
Отелло
Родриго а, Кассио а вийна?
Эмили
Кассио дийна ву.
Отелло
И  дийна ву? Эрна цIий Iанийна!
Дездемона
Бехк боцушшехь вийна!
Эмили
И хьенан мохь бу?
Отелло
ХIун мохь? Мохь хезара хьуна?
Эмили
Хьо къемат! Дездемонин аз ду и!
Орца дала! ГIодейша! Орца дала!
Дездемонига цхьаъ  ала!
Дездемона
 Гуьнахь  доьцуш дIайолуш ю со.
Эмили
Мила ву хьо йийнарг?
Дездемона
Цхьан а вац. Айса сайна тоьхна.
Майрачо  со  вуон ма  хьахайойла.
Хьо могуш ехийла.
(ДIайолу.)

Отелло
Хьан йийна и?
Эмили
Къайлах дисна и.
Отелло
Цхьаммо а ца йийна, цуо олуш,
Хезарий хьуна?
Эмили
ХIаъ, цуо иштта элира.
Отелло
И аьшпаш бахьанехь и  йогур ю
Цу къизачу жоьжахатин цIергахь.
Со ву и йийнарг.
Эмили
Хьо шайтIа хиларх, иза малик ду.
Отелло
Нахаца лиелаш, аьшпаш буттуш  яра  и.
Эмили
Хьо ву и аьшпаш буьттуш , и йемалйеш.
Отелло
Ша хи санна  яра  и тешнабехке.
Эмили
Ткъа хьо  ву-кха  и цIе санна чехка.
Иза-м хьуна   тиешаме ма яра.
Отелло
Кассио цуьнан  виезар вара.
Ца тиешахь, хьайн майрачуьнга хатта.
Билгалонаш сайна ца гинехь,
Ваьхьар варий со цуьнан  садаккха?
И тоьшаллаш динарг ву хьан майра.
Эмили
Сан майра?
Отелло
Хьан майра.
Эмили
Цуо элира,  Дездемона   ямартхилла?
Отелло
ХIаъ, Кассиоца и хуьлуш ю.
И ца хиллехь, дерриг дуьненах
Ас и хуьйцур яцара.
Эмили
Сан майрачо?
Отелло
ХIаъ. Цуо сан бIаьргаш схьадиллира.
Хьан Яго чIогIа догцIена стаг ву,
Боьханиг ца диезаш.
Эмили
Сан майра?
Отелло
Дукха хеттарх хIун пайда хир бу?
ХIаъ, хьан майра.
Эмили
Биезамах кхаьрдина ямартло!
Сан майрачо, и тиешаме яц, аьлла?
Отелло
Хьайга бохучух хьо кхиеташ яц?
Сан зудчуьн  ямартлонаш  гучуйохуш,
Хилларг  хьан  мар тиешаме Яго ву.
Сан уггаре  дика накъост ву и.
Эмили
Ахь цунах лаьцна дуьйцург бакъ делахь,
Дахкалойла и цуьнан  боьха дог.
И аьшпийн кIур бу!
Дездемонас хьан ца оьшучул  а
ЧIогIа пусар дуора.
Отелло
Хьа-хьа-хьа!
Эмили
Бакъдерг диезарг, хьо  воьлуш велахь а,
Хьайн зудчун маххадо  хиъна воцчу,
Ахь муха къастор ду бакъдерг 
ЧIогIа  цунах терачу харцдолчух?
Отелло
ДIасаца.
Эмили
Со кхиеро ма гIерта!
ХIинца сайгахь болчу  баланал а
Совнах вуониг суна  дийр дац ахь.
Iовдал, тентак! Синхаам боцу тIулг!
Хьан  туьрах кхоьруш яц со!
Ахь со йуьйш елахь а,
Ас   Iоравоккхур ву хьо. Кхуза! Орца дала!
ГIо дейша! Мавро шеш зуда йийна!
ХIай, адамаш, адам дийна кхузахь!
Чоьхьабовлу: Монтано а, Грациано а, Яго а, кхиберш а.
Монтано
ХIун  хилла, Инарла?
Эмили
Ма дика ду хьо схьакхаьчна, Яго.
Адам диерна  хьо бехке хIунда войту?
Грациано
И бохург хIун ду?
Эмили
Хьуо   стаг  велахь, кхуьнан  аьшпаш гучубаха.
Дездемона тиешаме яц, аьлла,
Ахь  ша  карзахваьккхина, кхуо боху.
И бакъ дац. Хьо ишттачарах вац.
Кхарна хьалхахь бехкениг гучуваккха.
Яго
Ас аьлларг, сайн хиетарг дара.
ХIара сан къамелах тиешна хир ву.
Эмили
Дездемона  галъялла ахь элира?
Яго
Элира.
Эмили
Ахь мел аьлларг дерриг харц ма ду.
Далла хьалхахь  муха аьлла и?
Дездемоний, Кассиой! И шиъ цхаьнатухуш,
Биегаш  бора  ахь?
Яго
ХIаъ, Кассио, сацабе хьайн мотт!
Эмили
Сацор бац. Бакъдерг эр ду ас.
Бехк а боцуш йийнарг  Iуьллуш ю.
Монтано а, Грациано а
Дала  къинхетам бойла!
Эмили
Хьан элидита бахьанехь.
Отелло
Цец ма дийла. Иза цIена бакъ ду.
Грациано
Ирча бакъ ду.
Монтано
Ирча гIан ду.
Эмили
Ямартло  ю! Цхьа хIума дагаоьху.
Ишшта хилла-кх.  Дагахь а дацара.
Кху дуьненчохь яха лууш яц со.
Яго
Хьо хьераяьлла? ЦIа гIуо чехка!
Эмили
Орцах довла! Со кхунна муьтIахь яра.
Яго, со вайн цIа кхин кхачахь тамаш бу.
Отелло
Маржа-яI! Маржа-яI!
Метта тIе охьавужу.

Эмили
ХIинца мохь  а хьоькхуш керча хьо.
Уггаре а  цIена зуда  йий ахь.
Отелло
(ХьалагIоттуш.)
И кхахьпа яра.  Кхуьнан  деваша
Хьо вуй иза? ХIара хьан вешин йоI
Йийна  ас, и мел ирча  делахь  а.
Грациано
Миска Дездемона!
Дика ду, хьан  да хьол халха велла.
Хьан  марено  дIаваьхьира  и.
Отелло
Ган йишйоцург  Ягос  гучудаьккхи.
Кассиоца лиелаш хилла  хIара.
Лейтенанта ша даре а дира.
Цуьнан карахь суна йовлакх гира.
Ас Дездемонина  делла  а дара,
Сан  ненан биезамна долу и  совгIат.
Эмили
ХIай,  веза Дела!
Яго
Хезий хьуна, дIасаца!
Эмили
Соцур яц со! Бакъдерг дIаэр ду.
Маьрша мох санна хьо  декалахь,
Сан  аз. Адамо  я экхано сацор дац хьо!
Яго
Меттайола! Кхузара дIаяла!
Эмили
ДIагIур яц со!
Яго цунна  тур  туоха гIерта.
Грациано
Эхь ду и!  Туьраца зудчунна  тIекхетар!
Эмили
Хьо Iовдал мавр, хIокху цIенкъахь Iуьллуш
Суна карийнера  и  йовлакх.
Яго вара и  доьхуш,
И йовлакх ас лачкъадахьара бохуш.
Цундела  ас  Ягога и дIаделира.
Яго
Эхьдоцург,  дIасаца!
Эмили
Хьуна моьттира, и Дездемонас делла?
Галваьлла хьо. Ягос соьгара  дIаэцна и.
Яго
Аьшпаш буьтту ахь, хьо боьха хIума!
Эмили
Со бакълуьйш ю.
Дерриг иштта дара. Хьо бIаьрзе шайтIа!
Хьо санначу Iовдало 
Ишштачу   зудчунна кхин хIун дийр дара?
Отелло
ХIара саннарг  Дала муха лов!
Кхунна туоха хаьштиг дац те цуьннан?
Вуьйцуш хезна воцу зуламхо!
Яго виен гIерта Отелло.
Монтанос цуьнгара герз схьадоккху.
 Ягос тур  Iуттий Эмили  йоь. Ша дIаводу.
Грациано
Йуьйжи. Шен зуда йий-кх цуо!
Эмили
Леш ю со… Дездемонина юххе  йилла со …
Грациано
Зуда а йийна ведда къайлавели.
Монтано
Боьха хIума!  Кху мавран  тур а эций,
Ара ца волуьйтуш, ларве хIара.
Со зуламхочунна  тIаьхьавер ву.
Отеллой, Эмили доцург, массо а дIавоьду.
Отелло
Со малвелла.  Муьлххачу беро хIинца
Соьгара  герз  дIадоккхур  ду.
Бакъдерг доцуш  сий Iалашлур дуй?
Бакъдерг дIадаьлла, дерриг а  дIадала-кх.
Эмили
ХIинца кхийти со хьан  гIийлачу эшарх.
Со а дIагIур ю, гIургIезан йиш а лоькхуш.
ЦIийх вуьзна мавр,  иза цIена яра.
Къиза мавр, и хьо виезаш яра.
И бакъхиларна  ас сайн са дуьллу.
Цу бакъонца  цунна тIаьхьа йоьду.
( ДIайолу.)

Отелло
Кху чохь кхин цхьа тур хила ма диеза,
Ша  санна шийлачу шовданехь дахчийна,
Ду хIара. Аравалийта со,  деваша.
Грациано
(сцени тIехьара.)
Дага а ма даийта. Герз дац хьоьгахь.
Хьайга бохург дие.
Отелло
Делахь, чоьхьавала. ЛадогIа соьга.
Герз доцуш а  аравер ву со.
Чоьхьаволу Грациано.
 Грациано
ХIун олу ахь?
Отелло
Герз доцуш вац со.
Уггаре дика тур ду  хIара.
Кхуьнца хийла мостагIашна юкъехь
Некъ баьккхина  ас хIара  а лестош.
ХIун дозалла деш воллу  со?
ХIинца кхин ду.
Шен кхолламна урхалла хьан дина?
Герз делахь а, кхиераме вац со.
Чекхдаьлла  дерриг, со дIакхочуш воллу.
Кхеравелла хьо юха  хIунда  гIиерта?
Сара тоьхча а,  суна тоьур ду. Мича гIуо со?
Декъаза Дездемона, шаршу санна  ма кIаййелла хьо!
Къемат  дийнахь хьо схьахаьжча соьга,
Цу  хьажаро  со цIерга  кхуссур ву.
Ша санна хьо шел а йелла Iуьллу.
Хьо –  цIеналла санна. Со ву адамдийнарг!
Шодмаш етташ, шайтIанаш, со лалла,
Кху  маликна  гена воккхуш.
Лийчаве со кхехкаш болчу йе  чохь!
Дездемона! Дездемона! Бала!
Йелла хьо!  Маржа-яI!  Маржа-яI!
Чоьхьабовлу Лодовико а кхиберш а.
Барам тIехь Iуьллуш Кассио ву.
Лаьцна валош Яго а ву.
Лодовико
Мичахь ву и чехка, миска стаг?
Отелло
Отелло бохуш  хилларггий?  Со ву и.
Лодовико
И эладита даржош хилла чагIалкх
Мичахь ю и? ДIахIоттийта  кхуза.
Отелло
Кху иблисан бергаш ца го суна.
ХIара шайтIа делахь, туьрца диелур дац.
(Ягона човйо.)

Лодовико
Схьадаккха цуьнгара герз.
Яго
Со  цIийх вуьзнехь а, хIинцаъ дийна ву.
Отелло
Бала токхуш, ваха.
Валар ирс ду хьуна.
Лодовико
Боьхачу стага  тайниг санна ловзий, 
Мацах цкъа доьналле хилла, Отелло.
ХIинца мила ву хьо?
Отелло
Сох хьайна луъург ала.
ЦIена стагвийнарг.
Айса нийсо йо, моьттура суна.
Биекхам  беш со вацара.
Лодовико
Хаьа суна. Кху боьхачу хIумано
Боху, хьо Кассио виен дагахь вара.
Отелло
Вара.
Кассио
И дан соьгара  бахьана доцуш.
Отелло
Бехк ма билла.
Со галваьлла хилла.
Кху шайтIане  хатта мегар дуй ас,
Сан сих а, дегIах а хIунда  хьаьрчира хьо?
Яго
Дерриг а аьлла. Со кхин вистхир вац.
Лодовико
Хьуо хIаллакьхуьлуш, доIа дийр дац ахь?
Грациано
ТаIзар деш кхуо бага гIаттор ю.
Отелло
ГIаттор  ю хьаха.
Лодовико
Хаалахь, инарла, дерриг ма-дарра.
Родригон киснахь кехат карийна.
Ягос цуьнга Кассио виен бохуш,
Цу  кехата тIехь яздина хилла.
Отелло
Боьха хIума!
Кассио
Адамашна гина йоцу!
Лодовико
ХIара кхин цхьа кехат  а ду.
Родригос яздина:  Стаг виерал сов,
Ягон боьха  гIуллакхаш кхочушдан.
Ша  реза вац, бохуш.
ХIара кехат дIатасанза дисна,
Кхуо  Родриго бертавалийна.
Отелло
Зуламан  йилбаз!
Кассио, сан зудчуьн йовлакх хьоьга
Муха кхечира, схьадийцахь ахь?
Кассио
Сайн хIусамехь суна и карийра.
Хьуна  гайтархьама, ша кхоьссира,
Бохуш, хIинца  Ягос даре дира.
Отелло
Маржа-яI! Со Iовдал!
Маржа-яI! Со Iовдал!
Кассио
Шен кехат тIехь Родригос Ягога боху,
Цу сарахь ша соьца девне вохуш,
ХIунда марсавохура?
Ша валале жимма  меттавеъна,
Ша  Ягос вийна хилар, чIагIди цуо.
Лодовико
Отелло, тхоьца дIаван виеза хьо.
Хьо даржах воьхна.Кипран коьрте
Кассио магийна сенато.
Ткъа хIара лай  хIаллаквийр ву вай.
ЧIогIа  Iазап а токхуьйтуш кхуьнга,
Кхунна  хьакъдолу таIзар  каро  мега.
Хьо лаьцна ву, сенатан сацам хиллалц.
Дуьло. Лаьцнарш  кхузар дIабига.
Отелло
Цхьа-ши дош ала, бакъо лойша суна.
ТIаккха дIагIор вай. Шуна хуш ду,
Венецина ас мел гIуллакх дина.
Шуьга сан кхин цхьа дехар ду.
Сенатехь шаьш ас динарг дIадуьйцуш,
Сох  лаьцна  харцдерг  ма алийша.
ТIе ца детташ, тIера дIа ца доккхуш.
Барам боцуш со и йиезаш вара.
Карзахваьллачохь  хьекъалах  тилла,
ЖовхIар, шел мехалниг кхин хир доцу
ДIакхоьсси ас. Сайн бIаьрхиш гина воцу,
Воьлхуш ву со и бIаьрхиш а Iиенош,
Iарбойн дитто дарбан  балоз   санна.
Аьллачунна  кхин а тIетуохалаш:
Мацах цкъа  Алеппохь турко вара
Сенатна  неIалт кхайкхош
Венецхочунна етташ, воллуш.
Ас, цунна тIевахна лаг  а лаьцна,
И даьIна жIаьла дийра. Иштта.
Ша шена шаьлта Iутту.
Лодовико
Чекхдели дерриг.
Грациано
Со инзарвьлла!
Отелло
ТIаьххьара барт  а луш,
Ас йийна хьо, хIинца суо а лийр ву,
Кху маттана  шийла барташ бохуш.
Метта охьа  а вужий лие.

Кассио
Цуо и дарна кхоьруш вара со.
Цуьнгахь  герз  дуйла  хаьара хьанна.
Дика стаг вара и.
Лодовико
(Ягога.)Хьо боьхачу жIаьлина хьалхахь
Дарц а, ун а, мацалла а хIун ю?
Айхьа динчун йозалле дIахьажа.
Хьан болх бу хIара. Хьажа ницкъ ца тоьу!
ТIе  шаршу  тасий, къайлабаха хIорш.
Грациано, кху цIенна  доладелахь.
ХIара бахам хьуна богIуш бу.
(Кассиога.) Кипран куьйгалхо хиларе терра,
Кхунна кхелъяр хIинца хьоьгахь ду.
Кхунна хьакъдолу таIзар а лахий,
Де  билгалдай, и кхел кхочушъе.
Кхузахь хиллачу буохамах дерг ас,
Лозучу дагца сенатехь дуьйцур ду.

ДIабоьлху.


 




 
 Глоссарий

Балоз – воск
Барам – носилки
Бозбуунчалла – фокус, ловкая проделка
Гата – парус
Геланча – вестовой
ГIагIа – кольчуга
Дак – верба, ива
Даьлел – доказательство, аргумент
Делкъе – обед
Жиналла – чары
Лач билгалонаш – косвенные  улики
МозгIар-зуда – монахиня
Мохтухург – веер
Мукъамхо – музыкант
Ровзан – роза
Сардал – наместник
Саьхьаралла –алчность, жадность
Селард – небесное светило, планета
Силсила – родословная
Таж – шлем
Талор – разбой, грабёж
Талорхо – грабитель
Тикма – вышитый узор из серебристых или золотистых ниток  на  платке или башлыке
ХIайда – ущерб, убыток
Холмачалла – колдовство
Хьокъа – возбуждение
ЦIармат – урод
ЧIинчIиралла – щепетильность
Шатлакх – салют
Эмгаралла – ревность, соперничество