***

Абу Исмаилов
Абу ИСМАИЛОВ






МАЬРКIАЖЕ

Цхьана актехь, деа суьртехь йолу
трагикомеди














Соьлжа-гIала – 2007  шо




Дакъалоцушберш:
I.Хьамзат – 38 шо
2.Мовсар – 40 шо, Хьамзатан бераллин доттагI
3.ХIижан – 36 шо, Мовсаран зуда
4.Iусман – 40 шо, Хьамзатан шича
5.Забура – 38 шо, Iусманан зуда
6.Учитал – 35-45 шо
7.Хьуьнхо – 35-45 шо
8.Тракторист – 35-45 шо
9.Инарла – 45-50 шо
I0.Салман – 50 шо
II.Юнус – 35 шо
I2.Дугуев – 35 шо
I3.Гудаев – 55 шо
I4.Лекханиг – 25 шо
I5.Лоханиг – 20 шо
Телеседарчий: БоьнчIа, Муьста, Зулпаъ, баккхийнах, кхиберш
Наггахь гучубовлуш хир бу: дечиган тур долу лекха стаг, герзаш карахь долу гвардейцаш, кхиболу митингийн декъашхой .
Хилам  Нохчийчохь бу.
I993-чу шеран  май-июнь беттанаш.
 










Хьалхара сурт


Мовсаран кертахь. Аьтту агIора гуш цIийнан кораш а, неI а ю. Кхо-диъ тIегIа долу лами бу чоьхьа волучохь. Юккъехь гуш баьццара ков ду. Аьрру агIора рагIу кIелахь стоьла юххехь газеташ а доьшуш Iаш Мовсар ву. Пилти юххехь, юург кечъеш ХIижан ю. Суьйре . РагIу кIелахь а, уьйтIахь латийна чиркхаш ду.

Мовсар: Йойт! Гора кIентий яI!
ХIижан: (цецйолий схьахьожу) Ахь муьлш буьйцу?
Мовсар: Вайн депутаташ буьйцу-кх.
ХIижан: Уьш муьлш бу?
Мовсар: Вайн парламент юьйцу-кх.
ХIижан: И хIун ю-м хьан хаьара.
Мовсар: Хаа деза, дукхаяхарг. Уьш-м вай хаьржина яхь йолу кIентий бай.
ХIижан: Хьан хаьржина уьш? Маца хаьржина?
Мовсар: Ой, дага ца догIу хьуна ши шо хьалха, дерриг а халкъ ара а даьлла, вай президент а, парламент а хаьржина? (газета охьадуьллу)
ХIижан: Дера ца догIу суна-м. Сахилчахьана дуьйна Iаржъяллалц базарахь лаьтташ йолчу, суна хIун хаьа, халкъо маца, хIун хаьржина? Ахь хаьржиний уьш?
Мовсар: Ас-м ца хаьржина. Халкъо хаьржина.
ХIижан: Асаъ ца хаьржина-кх уьш.
Мовсар: Цара-м шаьш шайн хаьржина. Кхара лелорг ца го хьуна?
ХIижан: ХIун леладо цара?
Мовсар: Парламенто вайн хьомечу президентана инарла-полковник аьлла цIе тилла сацам бина.
ХIижан: ТIаккха?
Мовсар: Ткъа вайн инарлас дIахьедо, боху хIокху газета тIехь: «вайн бIаьхаллин ламасташца догIуш дац инарла-майор, инарла-лейтенант боху цIераш тахкар. Инарла-полковник погонаш ша лелор яц», боху.
ХIижан: ХIун бен ю уьш? ДIавалахь дIа. Кхин сингаттам ма белара. Цулла а хIокху кран чуьра хи охьа маца долалур ду, алий хаттахь цаьрга. Цунах лаьцна хIунда ца яздо цара. Пхьаьрсаш хедаш дохку сан, вокзалера хи кхехьна (пеша юххера кран дIасахьовзайо).
Мовсар: Хи дуьйцуш дац вай. И къоман къайленаш йиталахь, кега а ца еш.
Кестта, дашо краникаш  а  хIиттийна, цу чуьра охьаIийдалуш йолу, эмкалан шура а муьйлуш Iийр ду вай.

(Оцу хенахь, кевнна юккъера неI схьа а йоьллуш, чоьхьаовлу Хьамзат. Цунна тIехь джинсан костюм а ю. Карахь некъан боккха тIоьрмиг а бу)

Хьамзат: ХIей нах! ЦIахь дуй шу? Хьаша тIеоьций аш? Ассалам Iалайкум, Мовсар!
Мовсар: (хьалагIоттуш дуьхьала волало) Ва Iалайкум салам! Марша а вогIийла. Хьамзат, хьо вуй и?
Хьамзат: Дала мукълахь-м ву! (мар-мара кхета ший а)
ХIижан: Вай, кIант, хьо вац и? Дела лела хьо могуш-маьрший. (Хьешана пхьаьрса кIела аьрру куьг а дохуьйтуш пе туху-уш маракхета иза)
Хьамзат: Дика мелдерш кху керта!
ХIижан: Далла воьзийла хьо а! Охьахаал. Схьало хьайн тIоьрмиг. (тIоьрмиг дIахIоттабо)
Мовсар: Хьажахь кхин хийца а ца велла. Ма дIа вайнера хьо. Мичахь, хIун лелий ахь? Суна хьо ганза-м пхи-ялх шо хир ду.
Хьамзат: Ялх шо кхочу гурахь, со цIера ваьлла. Генарчу малхбалехь Хабаровскехь вара-кх.
Мовсар: Боккъалла а гена ваьлла хилла хьо-м. ХIун лелий ахь?

Хьамзат: Со хьалха а цигахь хинкеманахь кхо шо даьккхина ма вара армии вахча.
Мовсар: Дера вара. Моряк ма вара хьо.
Хьамзат: ЧIерий лоьцучу бригадах дIа а кхетта белхаш бир-кх.
Мовсар: ТIаккха, кара хIума кхечин хьуна?
Хьамзат: Жима-тIама
Мовсар: И дика ду.
Хьамзат: Хьо вуй хьайн балхахь? Заводехь коьрта инженер ма вара хьо.
Мовсар: Уьш дIадевлла. Завод а хIаллакйина хIокху кхаа шарахь. Цхьа бIежIу ваийтина сан метта. Директор лачкъа а вина, вийна Iуьллуш карийна. ДIадаьлла гIуллакх ду. Ши шо а ду со хIокху хазбикин иждевенехь волу. Со саннарш дукха бу. Эцца хьокхо оцу базарахь йохк-эцар лелош яцахьара нахала ваьлла и хир вара.
Хьамзат: ХIижан хьо муха ю? Шун цIеранаш а могуш буй?
ХIижан: Дика Iаш бу уьш. Юьртарчаьргахь хIун хьал ду хаьий хьуна?
Хьамзат: Наггахь кехат кхочура.Шича Iусман бен кхин цигахь висна гергара стаг а вац. Уьш муха Iаш бу, хуур ду-кх хьалавахча.
Мовсар: ХIинцаъ хIусамнана йоцуш ву хьо?
Хьамзат: Ца кхиъна хIинцалц. ХIинца цхьа гIайгIа бийр бу-кх.
Мовсар: Юьй цхьан а билгалъяьлла?
Хьамзат: Ян-м яра. Хьан хаьа, цо хIун дина. Соьга хьежа кIордийна а хир ду. Кехат язданза а даьлла ши-кхо шо.
Мовсар: Яло цхьаъ йоцуш вуьссур вац. Шорта бу уьш.
Хьамзат: ХIара ХIижан саннарг нислахь ялор ю-кх.
Мовсар: ХIара саннарг атта карор яц.
Хьамзат: ХIунда?
Мовсар: ХIара муха стаг ю, хаьий хьуна?
Хьамзат: Ца хаьа. Хьуна хаьа хир ду-кх.
Мовсар: ХIара хьаха ю къонах стаг?
Хьамзат: Муха?
Мовсар: Къонахчуьн цкъан а тай-махица, нораца а, горгамца а гIуллакх хуьлий?
Хьамзат: Ца хуьлу.
Мовсар: Кхуьнан а дац-кх.
ХIижан: (куьг ластош) Сох дог ма Iабалахь. Йижар-гIаттар а доцуш, дийнахь а, буса а и галеш, тIоьрмигаш текхош, маьлхехь а, мохехь, догIанехь, дорцехь лаьтташ, йисначу могашаллех хаьдда лелачу, сох ма Iабалахь хьо.
Мовсар: Чекхдели и. ХIицналц ас хьо а кхаьбна. Зама ю иштта. Божаршна дан хIума ца дисна. Ша, автомат кара а эцна, талораш дан ара ца валахь. Сан и лело хан яц. ХIун де боху  ахь соьга?
ХIижан: Аса-м ца боху хIуммаъ. ХIан, тIехилий шаьшшинна чай малийша.

(Юург хьалха хIоттайо. Чамица хи а дуттуш, юьхь-куьг юьлуьйту хьеше)

Хьамзат: ХIижан, хIокху тIоьрмигана дола делахь. Хьох тешна буьту ас хIара.Кху чуьра сан цхьацца  коч-хеча йиттий, иту хьакхахьа. Кхана хьала а вахна, юьртахь хIун ду а хьаьжна, охьавогIур вара со.
ХIижан:(тIоьрмиг а оьций чу йоьдуш)Са ма гатде ахь, кIант.
Хьамзат: Мовсар, со-м кху Нохчийчу схьа кхаьччахьана цецвуьйлуш схьа ихна. Адамаш цхьа тамашийна хийца делча санна хета-кх. ХIун ду кхузахь хилларг а, хуьлуш дерг?
Мовсар: И дийцина вер вац.
Хьамзат: Ищерскехь поезд тIера охьавоьссина, хьалавогIуш ву со, такси а лаьцна. Горагорскехь лаьтташ цхьа тоба ю автоматаш карахь. Ахь хIун леладо? Хьо мичара ву? Тайпана мила ву? Ца оьшу хеттарш до. Жимма сехьа ваьлча, мажош яхъелла, коьртах хьерчийна баьццара бехчалгаш а йолуш, герзах боьттина лаьттан кхин нохчий бу. Хьо мила ву? Оппозицехь вуй? Мичахь Iаш ву? ХIара хIун ду? Хьенан хIун бала бу со милла а велахь. Дуьхь-дуьхьал а хIиттина, вовшашна тIе герзаш а дерзийна, лаьттачу оцу адамаша хIун къуьйсу?
Мовсар: Ахьа кхузахь цхьа кIира даьккхича, нахе ладоьгIча, жимма тIаьхьа кхиа мега хьо. Хьайна хуур ду хьуна. ХIинца ас дуьйцург цхьа агIо а лаьцна, дийца там бу. Цундела IадъIийр ву со. Айхьа ладогIа, хьуо хьажа.

(Наггахь жIаьла леташ хеза. Цаьпцалг а ека)

Хьамзат: Хьоьжуш ву со-м. Ша юьртахь санна Iаш ду шу-м. Хьалха кхузахь цIерпоштан мIов екаш хезара саххиллалц. ХIинца ма тийна ду?
Мовсар: ЦIерпошташ севцца, наха талораш деш лела а ца йитна. Вагонаш чохь мел долу кира охьассадора. Хийла вагон яссийна. И тайпа зуламаш цхьа бекхам боцуш дисахь тамаш беш ву.
Хьамзат: Хьан доькхур ду и?
Мовсар: Россис доькхур ду-кх.
Хьамзат: Росси цкъачунна мукъа яц цхьа хIума а декха а. Йоьхний-яьржиний ю. Да воцуш пачхьалкхе ю хьуна Росси. Ядош, лачкъош бу хьуна цигахь а.
Мовсар: Ма инзаре хIума ду-кх, дерриге а дуьне шех озалуш хилла йолу пачхьалкхе Iанаяхна бохург.
Хьамзат: Карзахе зама ю….

(РагIун пена юххехь гуш ю йоккха телевизор. Цуьнан экран тIехь гойтуш цхьа кино ю. Американски боевик. Нах байар, цIийIанор ду гуш дерг. ЦIеххьана кино дIайолу. Гучуволу цхьа воккха стаг, коьртахь холхазан куй а болуш. ГIеххьа йитна маж ю)

БоьнчIа: Ассаламу Iалайкум, ва рахьматуллахIи, ва таIала, ва баракатухIу! Суьйре дика хуьлда шун махкахой. Со Пхьиди кIотарара БоьнчIа ву. Шуна вовза декхар ду со. Вайн митингаш йолаелчахьана де-буьйса ца лоруш, цигахь лаьттина а, хIинцаъ лаьтташ а  ву. Эцца тIехволуш, цIеххьана дагадеъна чу вирзинера со.
Хьамзат: ХIара мичара вели? Кхо хIун юьйцу?
Мовсар: Кхайкхаза чу а богIий, хатанза и тIуьйлиг буьйцуш дог этIадо-кх кхара.
БоьнчIа: Вайн пирзидент Жовхар ву. Цунна дуьхьал бевлларш халкъан мостагIий а бу. Ас буьйцурш хьуьлла театран хьалха лаьтта копурш бу. Делан неIалт хуьлда царна! (ша Iаччохь тохало)
ХIаъ. Кхин хIун дара? ХIа… ХIей ДоьнчIа, хезий хьуна? Иммансиз ду хьо ма-дарра. Кертарчу гIуллакхца бала боцуш. Кхо де ма ду и вайн етт, эсий цIа данза. ХIинца со охьавогIуш оцу IуспагIеран кертан тIаьхьашкахь дежаш доллура хьуна и шиъ. Чехкка гIой цIа лахка уьш… Жовхар вайн пирзидент ву. Зулпаъ ойла цIена йолуш стаг ю… кхин хIун эр дара?

(ТIаьхьашха тIевогIий кхечу воккхачу стага хьалагIаттаво иза)

ШолгIа воккха стаг: Тоьур ду. Тхо а ду дистхила дезаш. Жимма ойла а яй, хьайна дийца хIуму а гулдай, юхавола.(Охьахуий къамел доладо):Ассаламу Iалайкум ва рахьматуллахIи, ва таIала ва баракатухIу. Вайн пирзидент Жовхар ву. Оцу дехьа майданахь лаьтта и Делан мостагIий, и позицехь берш тоьхна-тоьхна охьаата беза. Лахка еза и гезарий. И партократаш, и боьха хIуманаш. Жовхаран дуьхьал бевлларш сан мостагIий бу. Юьйцург хIун ю, реперенд бохуш? Вайна ца оьшу реперенд.
Хьамзат: Цо хIун боху?
Мовсар: Театран хьалха лаьтташ берш референдум ян дагахь бара. Нохчашна президент боху дарж оьший аьлла хаттар а долуш.
Хьамзат: ХIинцаъ митингаш йина ца бевлла хIорш?
Мовсар: Мичара! ХIора дийнахь ю митинг. Хадданза. ХIинца ши митинг ю. Цхьаъ театран хьалха. Уьш оппозицехь бу. Маршонан Майданахь мажошъерш бу. Кхехкаш ю гIала, нехех хьалаюьзна.
Хьамзат: ХIинца-м кIордо хан а ма яра.
Аз: Со а хилийтийша вист

(Экрана чохь гучуволу кхин воккха стаг)

КхоалгIа воккха стаг: Ассаламу Iалайкум махкахой! Кхара кху чу атта кхочуьйтуш а вац. ХIара телевидении массеран а юкъахь ю… Вайн халкъ балехь ду. Боккъалла а теша а тешна,  оцу инарлина тIаьхьа хIиттинера вай. Уггаре а хьалха со а. И хоржучу хенахь шуьга кху чухула дехар дина ву со.
Амма хIокху цхьана шарахь, эхашарахь вайн дахар тIаьхьа-тIаьхьа духуш лаьтта. Жоьлгаша го бина Жовхарна. И ца хууш а, ца гуш а вац и. Вай сама довла деза. Вехна стаг а ма васталора де-буьйса даьлча. Меттадуьйла вай. Эхь ду кхечу къаьмнашна хьалха. Референдум йича бакъахь хета суна. Нахе хатта деза, вайна хIун оьшу…

(аьзнаш)

I-ра аз: ДIасацае цуьнан батт!
2- гIа аз: И хьан витна кху чу? Аракхосса чехка! Кхин кху телевиденина аьттехьа а ма ваийта. Ямартхо ву иза.

(Шиммо цхьацца пхьарс лоций дIатакхаво воккха стаг)

Воккха стаг: Самадовла нохчий! Ма Iехадайта шаьш! Ма хьийзадайта!

(экранехь гучуйолу Зулпаъ)

Зулпаъ: Суьйре дика хуьлда шун махкахой. И оцу накъосташа дIаяьхьна боьха хIума гирий шун? Ла ма дегIалаш цаьрга. Уьш къоман мостагIий бу.
Э-э Дала дукха вахаве хьо Жовхар. Цхьа лом ду и. Дера ду…
… Со хIунда еънера? ХIан!.. Хезий хьуна хIай, Боька! Ахь сох лаьцна цхьацца дийцина, бохура, Курпатус, со зуда а яц, боьха хIума ю, бохуш.
Эхь ца хетий хьуна оцу моьлкъане со йийца.
Сан хьох лаьцна а ду хьуна дийца шортта. Вон Iийна-кх  хьо хIокху итт шарахь соьца, со ледара зуда хилча.
Ахь со йита оьшуш яц хьуна. Ас хьо вуьту хьуна хIара вайн пачхьалкхе теш а хIоттош. Кхин ахь сох лаьцна дош, аьлла, суна хазахь, ас оцу сайн тешаме накъосташка тIепаза войуьйтур а ву. Хезий хьуна? (Пелг лестабо).
Со хьуна моьттучарах яц хьуна. Сан-м хьаха шортта ден шича бераш  ма ду шайгахь тапчанаш а йолу. ЦIонгин некъийн хIу кхачийна-м ца моьтту
хьуна, Боька аьлча, ва  хьо Лоькха.
Жовхар!
 Жовхар!
Жовхар!
 (Экранехь гучуволу кхин цхьа воккха стаг)
ВоьалгIа воккха стаг: Ассаламу Iалайкум махкахой. Со ЧIодан арара Муьста ву. Тахана кху телевизорчу  ван дагахь охьавогIуш, тхайн лулахо БIоста ву-кх кетIа ваьлла лаьтташ. «Вало митинге гIур ву вайша, Жовхар вара сийсара кхойкхуш, массаьрга схьадуьйла бохуш», ас шега аьлча,
- Сан йиш яц, митингехула лела, - боху-кх, - хьаьжкIашна асар дан деза шен.
Ас цуьнга хIун элира хаьий шуна?
- Хьо хIуммаъ яц! – элир-кх. – асар зударшка дайта! Схьавола!
Иштта ледара хIуманаш ю-кх, куйнаш тоьхкуш лелаш.
Мовсар: Хьо саннарш кIезиг бу.
Воккха стаг: Бу-те! ХIан? Ахь хIун элира? Сан къамелана юкъа а ца лелхаш, IадIе хьо а. Хьо хIун деш Iаш ву цу чу а хиъна?
Мовсар: КIордийна шун митингаш а, шу а кIордийна.
Воккха стаг: (Экрана чуьра аракхевда  иза, куьг а лестош)
ХIара оппозици ву. ДIасацаел хьайн батт! Ас вохьуьйтур ву гвардейцашка. Жовхар! Жовхар! АллахIу Акбар!
Хьамзат:ДIаяйахь и яьшка.Цу чу хьежахь-м галвер ву миллаъ.
Мовсар: И  тайпа концерт хIора сарахь массеран  а телевизор йолчу хIусамехь лаьтташ ю-кх хьуна кху тIаьхьарчу шина шарахь.
Хьамзат: Самукъане дехаш ду шу-м. Жимма набъеш садоIур ду вайша. Кхана Iуьйранна, хьала а вахна, эвларчара хIун леладо а, хIун дуьйцу а, хьожур ву со.
Мовсар: Цигахь кхин  а гIолехь дерг гур ду хьуна. Ярташкара  охьа оьхуш цара кегош дера ду хIара шадерг а. Кху гIалара нах-м оцу митингашкахула лела мукъа а бацара хIинццалц. ХIинца-м  массо а мукъаваьлла.Кхин дан хIума а ца дисна, ша митинге ца эхахь.Хьала а гIой, ладогIа ахь юьртахошка.


(кирхьа)















ШолгIа сурт



Iусманан хIусам. Аьтту агIор диван тIехь Iаш ю Забура. Аьрру агIора кIедачу гIантахь Iаш ву Iусман.
ХIусам шина декъе йоькъуш тIийриг тIе оьллина кхозу еха баьццарчу кIадина кийсиг, цIенкъара хьала цхьа метр хиллал лекха а йолуш и шиъ вовшашна гуш ду. Iусман волчу агIора ю чоьхьаволу неI. Iусман радиога ладугIуш ву. Ткъа Забура телевизоре хьоьжу.

Забура: Йойт! Гора кIант-яI! Жовхар санна хила веза-кх бакъволу къонах!
Iусман: Хьуна хIун хаьа, и муха къонах ву?
Забура: Хьажал цуьнан аьрзунан бIаьргашка. Цуьнан хьажар. Цуьнан вистхилар. Цуьнан ши мекх.
Iусман: Мекхаш-м вайн цициган а ду.
Забура: Хьан ма дац уьш.
Iусман: Мекхаша хIун гIо до моьтту хьуна?
Забура: Боьрша хоьтуьйту-кх.
Iусман: Со боьрша ца хета хьуна?
Забура: Суна, Жовхар къобал ца веш верг, цхьан а я стен я боьрша а ца хета-кх.
Iусман: Э-э, дела йиса хьо и велла! Иммансиз! (хьалагIоттий и йолчу агIора дIаволало швабра буйна а  юллий)
Забура: ТIе ма гIорталахь! Оцу дозанал сехьа валахь, ас, хIара оккхало коьртах а тоьхна, вожор ву хьо (цхьа куьг хаьнтIе а дуьллий, вукху буйна оккхало а лоций дIахIутту). ХIара сан мохк бу. Суверенитет ю сан. Хьо сехьавалахь, ас Майрсолтига вохьуьйтур ву хьо.

(Чоьхьаваьллачу Хьамзатана хеза и тIаьххьара дешнаш)

Хьамзат: Ассалам Iалайкум! Iусман хIун къуьйсу аш? Майрсолта мила ву?
Iусман: (шен карара швабра охьа а кхуссуш) Ва Iалайкум салам! Хьажахь! Хьамзат, хьо вац хIара?
Хьамзат: ХIинццалца-м вара.
Забура: Марша вогIийла, дика кIант. Хьо мичара вели? (кIади жимма дIа а тоттий сехьайолий маракхета)
Хьамзат: Аш кхузахь хIун леладо хьажа веъна-кх. ХIара бехчалг олла меттиг кхин ца карайо шуна?
Iусман: И тхан доза ду. Декъаделла тхо. Со Нохчийчохь Iаш ву. Ткъа оцу кIадин дехьарниг Ичкерии ю.
Хьамзат: Боккъаллий?
Iусман: Хьайн несе хатта ахь.
Забура: Со Жовхара аьлларг дина, яла а кийча ю-кх.
Хьамзат: Ткъа хьо?
Iусман: Суна-м кхин а ваха лаьара, кхара витахьара. Дийнахь а, буса а Жовхар, Жовхар, бохуш вижа а, гIатта а, болх бан а, дуьненан рицкъа лаха а йиш йоцуш, холчу хIоттийна хьийзаво-кх кхара.
Хьамзат: (охьа хуу вукху кIедачу гIанта тIе) Ши бер мичахь ду?
Iусман: И кIант хIокху зудчо тентак а ваьккхина, полковник ву ша бохуш погонаш белша тIе ехкина, кху кертара тIаьххьара етт дIа а боьхкина, тапча а эцна, цхьанхьашхула кхерсташ лелаш ву, оцу Майрсолта бохучу жоьлгана тIаьхьа а хIоьттина.
Хьамзат: Майрсолта мила ву?
Iусман: Дага ца вогIу хьуна: хьуьлла цхьа  воьда муцIар а, ворхI жIаьлина баъал корта  а болуш  вара-кх ГIончIин кIант. Маккхал ярий цуьнан цIе?
Хьамзат: Цо-м, ша армера ефрейторан погонаш яхьаш цIа веъча, Мишка ву ша, ма бохура. Паспорт тIе а язъяйтинера цо и цIе. Михаил Гунчаевич ма вара и.
Iусман: Вара, Михаил вара хIетахь. ХIинца Майрсолта ГIончIа ву ша боху.
Хьамзат: ТIаккха.
Iусман: ХIинца цо шех гинирал вина. Гиниралаш вайн хIинца жIаьлеш хи тIе диггал дукха бу. ХIора юьртахь а ткъех сов инарла ву. Уьш дукха болу дела, царна тIехь куьйгалла дан, бригадни гинирал аьлла цIераш техкина цхьаболчарна. Уьш инарлийн бригадираш бу боху. Иштта ду-кх гIуллакхаш. Беже бахийта а тешаме боцчу нахехь герзаш ду. Гуляй Миша аьлла, дIахецна-кх.
Хьамзат: Герзашца чIогIа эвхьазабевлла хаало суна кхузара нах.
Iусман: Бевлла а ца Iа. Царна юккъехь лелачу цхьаболчу нахе герз кара дала-м муххале мегар дацара.Хьуьлла сонехь лаьтта топ схьакховдаел, аьлла, и топ схьакховдочу ханна шайх герз тешо мегар доцуш адамаш ду-кх, автоматех байракхаш а йина, гIадбахна хьийзаш.
Хьамзат: Ткъа, Залпаъ хIун лелош ю?
Iусман: ХIокху цIен тIехь и цхьа пекъар яра сан дог оьцуш,
оцу Iовдалчу хабаршка ла а ца доьгIуш. Хаза шен деша а яхна схьайогIуш, пхоьалгIачу курсехь университетехь доьшуш а яра юридически факультетехь. Коьртах баьццара кийсигаш а йихкина болчу, цхьана Делан мостагIаша, куьйгаш тоьхна, ядийна сийсара. ХIинца цигара нах богIу бохуш, Iаш ву со.
Забура: (ша йолчуьра схьа) Иза-м хьахьа дикчу нахе нисъеллера.
Iусман: Муха нисъелла? ШайтIан! Ас пурба ца делча нислой и?
Забура: Ахь ца лахь, хьан кIанта Зелимхас лур ду. Уьш-м цуьнан накъостий а болуш нах бу. Массо а гвардейцаш бу. шайна хIума лохуш а, Iалашдеш а бу.
Iусман: Бандюгаш ю-кх, адаман сибат а, я эхь-ийман доцуш.
Забура: ДикакIант, сехьа валахьа чай мер ду ахь.
Хьамзат: ОстопируллахI! ХIара хIун ду кхара лелорг? (катухий тIийриг хада а йой охьакхуссу кIади) Меца вац со. ХIинцца гIалахь хIума йиъна хьалавеъна. Хьенан муьлш бу уьш?
Iусман: ДагабогIий хьуна дIо хилдехьа тогIи чохь Iийна Солтабин КIукIин бераш: Болатбий, ЯнгIулбий, Асбий бохуш?
Хьамзат: БогIу дера. Етт бужий, хьуьнхара жIолмаш а кхоьхьуш, хене буьйлур-кх уьш.
Iусман: ХIаъ, массеран кога юхуш юкъахь лелош разъяла япаркъ ши мача яра церан. Цхьаъ араваьлча, вуьш и цIа валлалц чуьра арабовла йиш а йоцуш Iара.
Хьамзат: Дера дара иштта-м
Iусман: ХIинца церан хьалакхиъна цхьа къардайна тIаьхье. ЯнгIулбин бераш ду боху и болх бинарш.
Хьамзат: ДагавогIу. И зуда, оцу берийн нана Бакоха мах лело яханчохь, цIа ян а ца кхеташ, йисна ца бохура цуьнан?
Iусман: Хьуна-м дуккхаъ хIуманаш дагадогIуш хилла. Уьш бу боху-кх, вайца вайна лаахь а, ца лаахь а, гергарло таса лууш. ЦIерпоштан новкъахь талораш деш, баха хевшина. (арахь къамелаш хеза) ХIинца-м бевзар а бац.
Аз: ЦIахь дуй шу, Забура?

(Забура сихъелла цIенкъахь Iуьллу баьццара кIади а, тIийриг дIахьарчош ю)

Забура: Дера ду. Чудуьйла! Марша догIийла! (неIаре хьоду)

(Чоьхьа волу ши жимха. Цхьаъ лекхочу дегIехь гIеххьа даьлла маж-мекх а долуш, коьртахь пес а йолуш ву. ШолгIаниг Iаьржачу аматехь уьдуш бIаьргаш а долуш, лохочу дегIахь ву. Подполковникан погонаш а ю. Къорза бIаьхойн духар а ду. ХаьнтIехь кхозу «маузеран» дечиган хIумпар ю)

Лекханиг: Ассаламу Iалайкум! Дика мел дерг кху чу!
Хьамзат: Ва Iалайкум салам! Диканца дехийла.

(Забурас хьешашна ши гIант хIоттадо. Хьеший охьаховшу)

Лекханиг: Массо а могуш вуй?
Хьамзат: Дика Iаш дут хо-м.
Лекханиг: Iусман, суна хIара дага-м ца вогIу.
Iусман: ХIара сан девешин кIант Хьамзат ву. Тахана Хабаровскера цIа кхаьчча.
Лекханиг: Дика ду. Делахь тхаьш схьабеъна некъ бовзийта воллу, со.
Хьамзат: Дийца ахь.
Лекханиг: Вайна ма-хаъара кху вайн Нохчийчохь зуда ядош меттигаш хуьлуш ю. ХIора кIиранах иштта хIара санна долу гIуллакхаш дIадерзош лелаш ву со. Кху нахана шуьца долу гергарло деза.
Лоханиг: Делахь деза-кх. Хьа-хьа-хьаъ....( гежа ) Юрист ю боху иза. Хьа-хьа-хьаъ. И хIун ду техьа? (кест-кестта шен хумпIарх катуху).
Хьамзат: Гергарло нуьцкъах тосуш хуьлу?
Лекханиг: ХIара дуьне долийчахьана схьадогIуш хIума ду иза. Хилларг хилла даьлла.
Iусман: Ца даьлла! Аш хIун дей? Чехкка цIа а гIой и йоI схьаялае. ХIара нах суна бевзаш бу шайн дай а цхьана. Тхуна хьалха хьалакхиъна бу. Со мичахь Iаш ву, ца хууш бу хIорш? Хаза наха санна тIе а баьхкина шайна хетарг кхара схьааьлча, ас жоп лур дара. ЙоI резаелахь, кхаьрга йохуьйтур а яра.
Лекханиг: ХIорш бехке буйла хууш ду.
Хьамзат: Дера дац. Аш схьадийцарехь берриг а бехк тхан бу-кх. Тхо, дийна хилар бен, кхин гуьнахь долуш нах дац. Амма, нахехь герз дарий, уьш сонта барий аьлла, тхешан йоI-йиша бертаза дIалур йолуш а дац. И йоI схьаялае, цуьнга хоттур ду.
Лекханиг: Ас юха а боху. ХIара нах шайгара яьллачу ледарлонна къера бу.
Лоханиг: Ахь хIун дуьйцу?! (хьалаэккха, шен хумпIарх ка а тухуш). Мила ву ледара?
Лекханиг: Хьо цкъа аравалал кху чуьра. Чехкка! Ас ма-ийшши схьакхойкхур ву хьо.
Лоханиг: ХIаъ. Ахь бохург дан деза.(хьалаэккхий дIасахьаьвза.) Дика ду. (араволу)
Лекханиг: Хьамзат, Iусман. Шуьшиннал башха хIокху гIуллакхах воккхавеш  соъ вац. ХIара гIуллакх, вайна ма хаъара, нахала даьлла. ЙоI реза яцахь а, берта а ялийна, мах-там а бина, дIадерзор массо а агIор юьхькIоме ду, аьлла, хета суна.
Iусман: Уой, муха мегар ду, оцу шайтIанашкахь иза йита?
Лекханиг: Iусман, дукхавахарг, кхетий стаг а ле. Вай лан дезаш хIуманаш дукха ду. И нах вайна ма-гарра цхьа боьха хIуманаш ю. Жоьжахате гIур болуш, Делан мостагIий бу. Со векал а вай, дIадерзадайта хIара гIуллакх. Хьо цIена бусалба а ву, ялсамане гIур волуш а ву.
Iусман: Уой! Уьш баха а ца мега цу ялсамане? Царна оьшур яц техьа и?
Лекханиг: ХIоранна а карор ю шен-шен меттиг. Дела реза хуьлда хьуна! Дала сий дойла хьан! Делахь, Забура тхо сарахьо юха догIу хьуна, дахка ма-деззара. Шун Iодика йойла.
Забура: Собар! Кийчча чай ду.
Лекханиг: Чай молуш тIаьхьо Iийр ду. Баркалла, кхоийна ца Iа.Цхьан а ара вала пурба дац шуна.

(Араволу. Цунна тIаьххье арайолу Забура а,)

Хьамзат: ( жима ойла а  йой) Хилларг хилла даьлла, Iусман.Иштта хIуманаш муха дерзийча бакъахь ду, кху цIахь Iачу шуна  суначул дика хуур ду. Суна хетарехь, оцу  дIаваханчо аьлларг а дина, дIадерзийча юьхькIаме хила а мега иза…

(Забура чуйогIу)

Забура: Суна а хета-кх иштта, ДикакIант. Шен рицкъа делахь, Iийр ю. Дацахь, дан хIума а дац. ХIинца дIадерзийча гIолехь ду. (ша йолчу агIора стол юккъе схьа озо гIурту) Кхин гIолехь кхечераниш а бац. Хезий хьуна, схьавоьл. ХIара стол шен метта дIахIоттае вайша.
Хьамзат: Бакъахь-м хир ду. (гIо до стол нисъеш)
Iусман: Аша бохург дийр ду ас-м. Амма, и нуц ву боху и боьха хIума кху керта ма яийталахь! Оьшуш дац суна цуьнан невцалла! Хезий хьуна!
Забура: Хеза, хеза… и дитахь. Охьахаий чай мала шиммо а.

(Арахь гIовгIа хеза. Чоьхьабовлу Тракторист, Учитал, Хьуьнхо)

Учитал: Ассалам Iалайкум! Дика мел дерш кху чу!
Iусман: Ва Iалайкум салам! Диканца дехийла! Далла доьзийла шу а!
Хьуьнхо: ТIаккха, хIун деш душ у?
Iусман: ХIуммаъ ца дечунна гIо деш ду-кх.
Хьуьнхо:ХIаъ дукхаберш хIинца иштта Iаш бу.ХIара хьаша мила вара?
Iусман: Сан шича Хьамзат.Дага ца вогIу хьуна?
Хьуьнхо: Ван а ма ву. Э-э,Дела лела хьо маьрший, могушший!
( чубаьхкинарш хьешана мара беттало)
Тракторист: Хьамзат, хьо-м дукха хийца а ца велла. Муха лийли хьо?
Хьамзат: Иштта дIа лийли-кх и аренаш идош. Шу муха Iа? Массо а хатта везарг могуш вуй? Со цIахь воцуш беллачарна  Дала гечдойла.
Хьуьнхо: Амин. Дела реза хуьйла. Дика Iаш ду тхо-м. Дала дика кхобу. Iусман, и йоI маре яхана аьлла хезнера тхуна. Дала тIаьхье беркате йойла. Барт цхьаъ бойла.
Забура: Дела реза хуьйла шуна. Схьадуьйла охьаховшал, чай мер ду аш.
Учитал: Чай дика хIума ю (охьаховшу)
Хьуьнхо: Селхана хуьлла Анса ирзехула хьалавахнера со. Ирахь лаьтташ якъаеллачу моан, кхаштун цхьа безамехь даго дечиг ду. ЧIурамаш санна нийса а долуш.
Тракторист: Пускач йоха а йоьхна, трактор хьала ца лета цхьа кIира а ду. Эца кара а ца йо. Тоян хууш пхьар а вац.
Учитал: ТIам хьовзош латае. Салавдис шен «Запорожец» тIехьашхула тIам а хьовзабой  латайо. Массо а кхечу машенашна хьалхахула хьовзош гина суна и тIам.
Хьуьнхо: Шина Мартанна юккъехула хьала вахча, цхьа безамехь пепнаш ду, чорхах чекхдаха а мегар долуш. ЧIурам санна нийса а ду.
Учитал: ХIинца берашна хIун хьеха деза а ца хууш, висна со-м. Тхуна институтехь Iамийна истори нийса яц боху. Шайолу истори юхаязъян еза боху. Шайна луъург дуьйцу оцу хьаькамаша.
Iусман: Хуьлла театран хьалха лаьттачу митингехь дуьйцучуьнга, ладогIа вахнера со. ЧIогIа хьекъал долуш нах бу уьш-м. Массеран а  логах кхозуш галстукаш а ю. Милкаш санна стаммий вортанаш  а ю…
Тракторист: Мекха баккха безаш вара со. Пускач тоян стаг вац. Ма дика ду хIара чай. Индийски дуй хIара, Забура? Йоттахь кхин цхьа пиела а.
Хьамзат: Росси йоккха ю. Поездехь кIиранах некъ бина ас Хабаровскера Москва кхаччалц.
Хьуьнхо: Некъаш вуно чIогIа телхина. Оцу Iалхан-Юьртарчу ДОК-ан яккхийчу машенаша и тракторша а дохийна некъаш.
Учитал: Цундела бераша хIуммаъ Iама ца до. Шай-шай гвардеец хир ву боху. Автомат бен кхин хIума дац церан коьртехь.
Забура: Селхана митингехь яра со. Цига веанчу Жовхаре ладоьгIуш гIадъяхна лаьттира со. Делахь ма кIант ву и!
Тракторист: Хьуьлла Куьйрин хаа-кх тракторах доллург ша дерг. Делахь ма дика дагавеара суна и. ХIей, Забура, кху юккъехь цхьа доза дацара шун?
Забура: (чай а дуттуш) Жовхарна дуьхьал бевлларш нах ца хета-кх суна.
Учитал: Бирлиант бохуш ю тхан ишколехь цхьа учитальница… Чай дика ду.
Хьамзат: Москвара вайн кхуза схьаван ши де-буьйса хан еза. Росси йоккха ю.
Хьуьнхо: Кусулхан ирзо хилла боху чIогIа доккха хьалха заманчохь. ХIинца-м коьллаша 0дукъдина къайладолуш лаьтта и.
Забура: Ас хIинца  жижиг  а кхехкош чорпа  йийр ю. Чай мала аш кхоа а ца деш.
Тракторист: Гай тIе басар даллалц-м мелла… Картер ю сан йолуш, даьтта охьаоьхуш, сварка яйта еза.
Учитал: Тхуна алапа тIетухур ду, аьлла, боху вайн керлачу Iедало.
Iусман: Сийсара Лайлаа узуш долчу бежнашна юккъера кхо етт бехкира.
Хьуьнхо: Билет а доцуш хьуьнах веъна хаавеллачунна гIуда тоха бакъо  ю тхан. Декъа дечиг а, жIолмаш а лехьо мегар ду.
Хьамзат: Стага, ша вала а волуш харцдерг дийца мегар дац. Харцлуьйчуьнга бакъдерг дийца а  мегар дац… (ХьалагIотту, волало) .Кхана гIала охьа а вахна, оцу митингашкахь болчара хIун лоьху, хIун дуьйцу хьажа веза.

(Сценин аьтту агIорхьара гучуволу карахь дечиган тур долу лекха стаг. Наггахь и шуьйра гIалакх а лестош волало иза, цхьан а тергал ца веш.)

Лекха стаг: Тапар-тип!
 Эсан кит!
Жижиг-галнаш!
 Хорбазаш! ГIабакхаш!
Говрворданан патарманаш!
Даккхий хIуманаш ду хIорш! Даккхий хIуманаш!
ГIойтIа базара ваха мегар дацара.
ДIавоьдуш а мал дуьхьала бу.
ЦIа вогIуш а малх дуьхьала бу.
Базар воьдург ГихтIе ваха веза.
 ГIатта, Махьма! ГIатта, Махьма! ГIатта, Махьма!


(кирхьа)


КхоалгIа сурт

Йоккха кабинет. Баьрччехь Iаш инарла ву. БIаьхойн духар а, коьрта тиллина пилотка а ю. Цуьнан стоьлана дуьхьала лаьттачу ехачу стоьлана шина а агIор охахевшина Iаш бу министраш. Чуьрчаьрга вон бIаьргаш а къерзош инарлина тIехьа лаьтташ ву герзах воьттина ши стаг.
Инарла: (стоьл тIе пIелгаш а деташ, вотта туху кеп а хIиттайо)
И театральни майда яссо еза. КIордийна церан гIовгIанаш. Мичахь ву кхерамазаллин хьаькам?
Дугуев: Карош вац. Москва дIавахна боху шен болх а битна.
Инарла: Уьдуш ду мукдехкий. Мичахь ву Белаев? Ас омра до, ши-кхо де далале и митинг а, гIалин гулам дIасалахка. Аьлларг ца дечарна герз тIетоха мегар ду.
Аз: Вайн вежарий ма бу уьш. Герз муха тухур ду?
Инарла: Бац. Сан вежарий бац. Вайца Iедал къуьйсуш болу партократаш бу. ХIаллакбе! Лаьттахь, ченашлахь Iуьллучура схьаэцна вай хIара Iедал. ХIара гIант, Завгаев тIехь Iийна гIант кIеда а, дика а хилла. Со-м  гIоттур вац кху тIера хьала. Корта хьовзош а, чомехь а хIума хилла Iедал. Шен карадеъча цуьнан дола а ца деш, кхечуьнга и дIалуш верг Iовдал ву.
Аз: ЦIий Iанор дика дац. Халкъ кхетар дац вайх таккха.
Инарла: Халкъ хета хьуна и арахь маьхьарий хьокхуш йолу тоба? Вайн Iалашо кхочушъен гIирс бу  и. Кхин хIуммаъ дац. Халкъ со ду-кх.
Гудаев: Джохар Мусаевич, оцу вайн баккхийчу нахана пенсеш даланза шолгIа шо а  ду. Церан гIайгIа бан безара вай….
Инарла: Ас кхин ламдина, Iовша а Iаьвшина бузо безий уьш? Дац пенсеш. Гвардейцашна дала а ахча дац. Массара а шен-шен гIайгIа бан беза. Катоха! Хьаьмцаш баа, тIергIан пазаташ юца а мегар ду.
Гудаев: Э-э…?
Инарла: Не э-э. Начштаба?
Начштаба: ЛадугIуш ву, сан инарла!
Инарла: Схьакхечирий Харьковера танкаш?
Начштаба: Кхаьчна, сан инарла.
Инарла: Мас?
Начштаба: 42 танк ю
Инарла: Муха схьаялийна уьш?
Начштаба: КIора лелочу вагонаш чу а  хIиттийна, тIехула кIора а боьхкина дийнна цхьа эшелон схьакхаьчна. Гуьмсехь охьа яссош, Шела хьалаюьгуш ю.
Инарла: Дика ду. Вайн украинерачу вежаршка сан цIарах баркалла дахьийта. ПаргIато иштанехьа хуьлуш яц. ТIамца яккха еза. Вайна го бина Iаш ю Росси. Уьш юха чубахка кечлуш а бу. Къурдъаьлла, юха Россе маре доьлху вай: я вешан пачхьалкхе юьллу вай?
Дугуев: И однозначно къаьстина ду. Вайн вешан пачхьалкхе йолуш ю.
Инарла: Лата лезар ду шуна.
Дугуев: Летар ду-кх. Герз долуш ду.
Инарла: Хьуна-м герз ца оьшу.
Аз: Тоьлур дац вай. Росси онда ю.
Инарла: ХIуммаъ дац. Вайн къоман кхоалгIа дакъа бухадисча а тоьур ду. Уьш ирсе бехар бу. Ткъа кхоьруш йолчу къийгаша а, гезарша а кху чохь а ца Iаш, шайн амал бан мегар ду.
Маршо я Iожалла!
(жима соцунгIа а хуьлий)
…Вайн пачхаьлкхан цIе хийца дагадеъна суна. Чечня, мечня бохург дош дац. Кханадуьйна вайн пачхьалкхан цIе «Ич-ке-рия» хир ю.
(шена хьалхарчу цхьана кехат тIе куьйг яздо)
Вот так вот.
«Из гор Ичкерии далекой
Уже в Чечню
На братний зов
толпы  стекались удальцов…
(соцунг1а хуьлу)
..Их бог – свобода!
Их удел – война!»
Все свободны! Работать! Работать!
(чуьранаш арабовлу, Дугуев воцург. Телефон ека)
Дугуев: Алло. А. Здравствуй Борис. Все нормально. Да. Оборудование уже получил. Спасибо. Через месяц начнем полномасщтабное вещание.
Да. Телеканал «Кавказ» назвали. Охватим весь Юг России. Конечно. Как договорились. Да. Он здесь. Рядом со мной.
(Джохаре дIакховдайо телефон)
Инарла: Здравствуйте, Борис Абрамович. Ничего. Вашими молитвами и щедростью. Вам. Спасибо за все. Конечно добываем. Правда не так много как прежде. Добыча снизилась на половину.
Деньги…опять деньги. Танки закупили.Есть  пушки. Самолеты. Оружия хватит на десять дивизий. С таким арсеналов хоть с кем можем воевать пятьдесят лет… Да…не знаю. Борис Абрамович. Я не знаю, куда уходит чеченская нефть и кто за нее получает деньги.
Вокруг  меня одни жулики, воры и хапуги. Да, я их прогоняю, меняю на новых министров. Что толку. Новые тоже воруют и убегают кто в Россию, кто на Кипр.
Нет. Да. Я знаю. Весь сыр бор из-за трубы. Но наш народ из-за трубы воевать не станет. Идея независимости. Конечно хорошая. За идею чеченец горло перегрызет любому. И религиозный фактор. Да. Он главный. Нужна серьезная финансовая подпитка.
Справляется. Да. Геббельс отдыхает. Вы тоже там на своем канале поддержите нас. Демократическая Россия должна встать на нашу сторону. Мы готовы к любым испытаниям. Скоро мы разгоним этих митингующих партократов, жирных котов. Возврата к власти им не будет.
Я отдал приказ, разогнать городское собрание любыми средствами…На днях….
И еще, для формальности хотя бы, …мне необходимо встретиться с Борисом Николаевичем. Ты не прибедняйся. Ты все можешь в этой стране. Организуй нашу встречу хотя бы на пять минут. Пусть весь мир увидит, что чеченцы хотят мира и свободы…ну ты сам все понимаешь…до свиданья.
(стоьл тIе пIелг бетташ  вота туху)
..Их бог – свобода.
Их удел – война.

























ДоьалгIа сурт

Сцена шина декъе йоькъуш иккхина харш ду. Аьтту агIора гулбелла митинг дIахьош бу инарлина тIаьхьахIиттинарш.
Аьрру агIора лаьтташ бу театральни майданара оппозиционераш. Оцу юккъерчу харша тIехь лаьтташ ву Хьамзат. Иза шина агIонга ладоьгIуш ву. Иза аьтту агIора дIавирзича, цигарчу нехан къамелаш долало. Аьрру агIора вирзича, цигара къамелаш хеза. Шина а агIора хIиттийна микрофонаш ю
Аьтту агIо
СоIдулла: Сан цIе СоIдулла ю. Ши шо кхоччуш долу со кху митингехь лаьтта. Вайн паччахь Жовхар Дала вазвина ваийтина ву шуна. Цуьнан шеко яц. ХIокху сайн бIаьргашца гина суна сийсара, Вайн паччахь Жовхар кIайчу говрахь стиглан Iаьрчашкара лаьтта охьавуссуш. Жовхар! Жовхар! Жовхар!
Аьзнаш: ОстопируллахI. ОстопируллахI. АллахIу Акбар! АллахIу Акбар! Жовхар! Жовхар! Жовхар!
Зудчуьнан аз: И цIена бакъ ду. Суна а гина иза цхьа кIира хьалха кIайчу гIовталца коьртахь кIайн куй а болуш, тIехула лепаш нур а долуш, кIайчу динахь стигала хьалавоьдуш!
Аьзнаш: АллахIу Акбар! АллахIу Акбар! Жовхар! Жовхар! Нана яла хьан делаI! Тхуна къинхетамна, Дала орцах ваийтина турпал ву-кх хьо! Жовхар! Жовхар! Жовхар!

Аьрру агIо

Микрофона тIевоьду коьртахь шляпа а йолуш волу цхьа стаг.
Салман: Вайн ма-гарра республикехь хIоьттинарг чолхе хьал ду. Заводаш а, фабрикаш а хIаллакьеш ю. Кху тIаьхьарчу шина шарахь шадерриг а дохош бен, тодеш дац.
Вай гулдалар бахьана хIун дара? Вешан пачхьалкхе а йиллича, суверенитет а яьккхина, нахана маьрша дахар кхолла некъ хир бу моьттура. Амма, Iедале баьхкинарш кхоллархой бац, дохорхой бу.
Ша президент ву бохуш волчу инарлина ца хаьа, халкъан бохамна тIехь куьйгалла дан. Цунна бехк а ца буьллу вай. Вай бохург кхин ду.
ХIара республика ю, дукхаъ къаьмнаш дехаш, халкъо иттанаш шерашкахь вовшахтоьхна бахам а бу. Дивизии а, я полк а яц хIара.
Нахана оьшург, суна хетарехь, болх а, некъ а бу. Шега куьйгалла ца далахь, нахе хатта боху-кх вай: оьший вайна президент боху дарж а я иштта президент а?
Аьзнаш: Нийса боху! Нийса боху!
Салман: Дерриге халкъо ша хаьржина хилча, халкъе и хаттар дан хIунда ца ваьхьа иза?
Аз: Ша хаьржинехьара-м ваьхьар вара.
Салман: Цундела референдум а йина, дерриг а дуьненахь сана халкъе хата деза.
Аьзнаш: Деза! Хата! Деза!

Аьтту агIо

(ГIеххьа гIовгIанаш йовлу. Трибуни тIе хьала йолу хана 35 шо хир долуш Зулпаъ)
Зулпаъ: Де дика хуьлда шун махкахой. Ас декъалдо шу оцу партократин бен бохарца!
Аьзнаш: Жовхар! Жовхар!
Зулпаъ: Сийсара, сайца тешаме кIентий а эцна яхана церан штаб йоха а йина, цара референдум ян кечдина хIара бюллетенаш схьадеъна оха. Кхарах шайна луъург де хIинца.
(Кехаташ майданахула дIаласто)
Аьзнаш: Йойт гора йоI-яI! Къонах стаг ю Зулпаъ. Маладец! Дагаде уьш! ЦIе таса царах.
(Майдана юккъехь кехатехь барз а бой, цIе тосу. ТIаккха оцу цIарна гонахула го тийса буьйла божарий а зударий)
Аьзнаш: Жовхар! Жовхар! Тхуна эшац реперенд. Жовхар! Жовхар! Жовхар!

Аьрру агIо

Микрофона тIевоьду бIахойн духар долу стаг. Белшах тесна автомат а ю. Цуьнан цIе Аслан ю.
Аслан: Сахуьлуш вайн референдуман штаб а йохош цу чуьра бюллетанаш дIадаьхьна инарлин гвардейцаша. Цул тIаьхьа, чу яккхий тоьпаш а етташ, гIалин гуламна тIелатар а дина. БIе сов вай кегийрхой кхелхина оцу тешнабехкаца динчу тIелатарехь.
Аз: Дала  гечдойла шина агIора кхелхинчу берашна.Дала декъалбойла уьш массо а. ДоIа де! Амин!
(Цхьана воккхачу доIа до.)
Аьзнаш: Дала декъал бойла уьш!
ГIовгIанаш йовлу. Адам меттахдолу. Герзашца болу кегийрхой а гучубовлу.

Аьтту агIо

(Трибуни тIе  хьалаволу лекха куй а болуш волу цхьаъ)
Юнус: ХIан-хIане! Махкахой! Ас кхин а цхьа хаза кхаъ боккху шуна. Тахана сахуьлуш, вайн паччахьна инарлина муьтIахь болчу кIенташа хIаллакйина дIаяьккхина оцу боьхачу оппозицин бен хилла лаьттина йолу гIалин гуламан хIусам. Вайчарах масех стаг кхалхар а нисделла. Чевнаш хилларш а бу.
Аьзнаш: Дала гIазот къобалдойла церан!
Юнус: Амма вайн мостагIех дика кескаш тийсина. Шайн декъий довдийна евдда гезарий!
Аьзнаш: Уьш вайн паччахьна дуьхьал хиллехь, Дала геч ма дойла царна. Жовхар! Жовхар!

Аьрру агIо

Юха микрофона тIевоьду Салман.
Салман: Накъостий! Вай уггаре кхийринарг хили тахана. Инарла, халкъе ладогIа-м муххале ца воллу. Халкъана юккъе вуно доккха зулам даржий цо а, цунна тIаьхьахIиттинчара а. Дарж бахьана долуш, оцу ша схьалаьцначу гIентах ца къаста, вайн къам хIаллакдан а ша кийча вуйла, хаийти цо тахана.
Вай сихдала мегар дац. Собар ду коьртаниг.
Дала декъалбойла вайн вежарий. Дала собар лойла церан гергарчарна. Сихлур дац. ЛадугIур ду вай. Вай маьрша нах ду, вайгахь герз делахь а. И герз вайн вежаршна нохчашна Iедал а къевсина тоха дагахь арадевлла а дац. Вайна нийсо а, бакъо а, маршо езара.
Кху махкахь даьржина долу хIара зулам дIадаккха лаьара вайна.
Аз: Ницкъ ницкъо бен эшор бац! Муха Iийр ду ваьш дайа а дойуьйтуш?
Салман: Собар! Юха а собаре хилар доьху ас шуьга. Iедалан коьртерчарна шайгара даьлларг хIун ду хаьийла, хьовса деза вай.



Аьтту агIо

Юнус: Ткъех стаг лаьцна схьавалийна чохь воллуш ву.
Аз: ХIокху майдана схьа а балийна тоьпаш тоха еза царна. Копарш бу уьш. Вайн инарлина, вайн паччахьна дуьхьал бевлларш байа а беза!
(микрофона тIевоьду цхьа воккха стаг)
Хьаж-Iела: Сан цIе Хьаж-Iела ю. ВоI воцуш ву со. Пхи йоI ю. Амма, и вайн паччахьна дуьхьал бевлларш санна болу, воIарий сайн ца хилча а, мегаш а ву. Кхин цхьаъ ду. Эцца и Ленин тIехь лаьттина бух бу. И беса а ца лоттуьйтуш, цу  тIе вешан паччахьан Жовхаран памятник дIахIотто еза вай. ЦIенчу деших ян а еза и, дерриге  а дуьне цецдоккхуш. Дашо памятник йогIу Жовхарна! Жовхар! Жовхар! Жовхар!
Аьзнаш: Нийса боху! ХIотто еза! Жовхар вогIу! ДIасахила! ДIасатовIалаш!
(трибуни тIеволу инарла)
Инарла: Сан вежарий! Баркал! Сийсара и гаурийн бен бохийна  аьлла Белаевна къоман сий орден елла ас. Лом ду и. И боьха хIумнаш, уьдуш ю бахара сийсара! Ас дукха баьхна дIадовла. Ла ца дугIу. ХIун до вай?  Господин народ! Шуьга хоьтту ас.
ХIун до вай оцу гезаршна? Кхеташ бац уьш. Къомана дуьхьал евлла йовссарш. ХIун до вай?
Аьзнаш: Охьаата беза! Лахка еза гезарий. Делан мостагIий!
Инарла: Баркал! Суна хаьара, аш иштта эр дуйла. Баркал, господин народ! Шун лаам суна закон ду. АллахIу Акбар! АллахIу Акбар! ТIегIо царна массо а шайн герзаца. ДIадовла ала цаьрга. Герз тIетухур дуйла царна хууш ду. Вперед! Ич-ке-рия!
Аьзнаш: Жовхар! Жовхар! Жовхар!
(Ерриге аьтту агIора митинг аьрру агIорхьа схьайолало. Соцу.
Гучуволу еха кIайн мажйолу кIайн куй тиллина воккха стаг. Иза шина тобанна юккъехь ву. ДоIа до цо, бIаьргех охьаоьхуш хиш а долуш, велхаран къурдаш а деш.)
ДоIа

Везан Дела, Хьо бен деха а вац тхан.
Хьо бен далаъ вац тхан.
Тхан Iосалле ца хьожуш,
Тхан докъазалле хьажий
Айхьа тхуна тIебаийта кечбина
Сингаттам бала юха йиш
Елахь юхатохий, кIелхьара
Дахахь тхо.
Харцо юьйцуш араваьллачун кайохаеш.
Бакълуьйчун аьтто беш,
ГIо-накъосталла дехьа тхуна.
Хьоьга деха бакъо-м яцара тхан,
Къеначу нанойн, гIийлачу йижарийн дог эций.
Хила тарлучу зуламах
КIелхьара дахахьа тхо.
Къинхетам бехьа хIокху декъазчу махках, хIокху гIийлачу хьайн лайх а. Мисканех къинхетам бехьа.
Доьху хьоь, хIай Везан Дела!
БIаьрзечунна сирла  са лохьа,
Къорачунна мерза аз лохьа.
Сиханиг собаре вехьа.
Парталниг жимма сихвехьа.
ГIийлачунна доьналла лохьа.
Сонтаниг гIорасиз вехьа.
ХIоранна ша лоьхург лохьа.
Доьху Хьоь:
Тхо диц ма дехьа.
Хьан гIийла лай ду тхо.
ХIай Везан Дела,
Мисканех къинхетам бехьа!
Бертахь а, ийманехь а дахар лохьа тхуна,
ХIай Везан дела…

(ДоIа деш волу воккха стаг тоттий къайла а воккхуш, хоршал сехьа йолу аьтту агIора тоба. Герзаш карахь долу цуьнан хьалхара могIа соцу. Цунна нийсса дуьхьала дIахIуьтту аьрру агIорчу тобанна юккъера арабовлий иштта герз карахь долу кIентий. Шина тобанна юккъехь ши-кхо метр юкъ юьсу.  Шина а тобане ладоьгIуш юккъехь лаьтташ хилла волу, Хьамзат авансцене сехьа теттинчохь вуьсу.)

Юнус: ДIадовла кху майданара. Оха герз тIетухур ду. Тхо боьхачу хIуманах
хьожа йогIур йоцуш ду. Тхо буьрса ду. Оха Iуьйранна тIе налха               
хьаькхна кIайн бепиг ца дуу, дог кIад ца далийта.
 Тхан дегнаш тIулган ду. ДIадовла кхузара!
Салман: Хаьа, Юнус. Тхо-м шун дегнаш дан дуй-техьа, аьлла шек девлла. Цул совнаха, шуна ца ярах, тхуна боьхачу хIуманах хьожа а йогIу. и хьожа лан хала а ду. Шу тIетоха кийча дуй а хаьа. Амма,  тхо кийча дац. Шуна юккъехь тхан вежарий а, шичой а, маьхчой а бу. Тхуна вай цхьа халкъ дуйла хаьа. Цундела тхо дIагIур ду. Амма шух а, шун герзах а кхераделла ца доьлху тхо.
Кхин дIа тхо бахьана долуш нохчийн цIий ца Iанадайта дIадоьлху.
Вай къуьйсург вовшийн дайъал доккха хIума дац шуна махкахой. Ойлаелаш.
Ойлаелаш. Дала вовшех дашар лойла вайна!




(Аьрру агIораниш меллаша дIабуьйлало.Аьтту агIоранаш  баккхийбеш ирахкхийсало. Маьхьарий дета цара.тоьпаш кхуьйсу. Юха ший а тоба дIатоь. Шина а тобаннал тIехула  геннахь схьагуш ву доIа деш волу, еха кIайн мажйолу воккха стаг. Хьамзата схьа а воьрзий  илли дIадоладо.)



Исмаилов Абу
Синхаам

Суна гира лекха лаьмнаш херцаш.
Суна хези воьлхуш Воккха Стаг
Къардеш деса хабарш, деса дешнаш,
Иэхь-Имано леци церан лаг.

Цу шийлачу, къизачу февралехь
Ца даьллера  цуьнан баьргех хи.
Ткъа тахана хунда ву и балехь?
Хьан хадийна цуьнан деган хир?

Къурдаш сецош, доIа деш ву Къано.
Къуьйсучаьрга боху: «Ойлае!
Дела дагалаца я цо кхана
ОьгIазлонца вайна Iаткъам бер!

Йицъе моттаргIанаш аьшпаш, харцо,
Хьестабаларш, хастамашбар, хьагI.
Даиманна даха Делан цIарца,
Дагахь лелош Нана, Даймохк, Яхь!

Ницкъ къочийла берзан багара довла,
Кхетам лойла шинна агIонна:
ГIертачарна халкъан коьрте бовла,
Цу гун буьххье кхаьчначарна а».

Даго хьоьху: вац и Нохчо-Къано,
Деле доьхуш хIинца воьлхуш верг.
Йоьлху кIанте сатийсина нана!
Доьлху дуьне ганза дисна бер!

Стигал цIанъеш, еша Iаьржа мархаш.
Суйнаш туьйсуш, дIадов седарчий.
Хазанз ду шу, Нана-Латта доьлхуш?
Ганза ду шу Къаночун бIаьрхиш?

ХIоранна а Дала бийр бу бекхам:
ДIасалестош мархийн луьста кхес,
БIаьрзечунна Iаьржа стигал къекъа,
Къорачунна лиэпа нуьре ткъес!




Суна гира лекха лаьмнаш херцаш!
Суна хези воьлхуш Воккха Стаг!
Къардеш деса хабарш, деса дешнаш,
     Иэхь-Имано леци церан лаг.




Гучуволу дечкан тур долу стаг: ша-шарх, бохуш тур лестадо цо.
Лекха стаг: Даккхий хIуманаш ду хIорш.
                Тапар-тип,эсан кит.
                Хорбазаш, гIабакхаш.
                Говр-вордан патармаш…

 (ш-шарх  олий, тур ластадо)
               
                Чехка мох хьокхур бу.
                Цо дуьне шардийр ду.
                Чехкачу махана дуьхьала а  йирзина,
                Лаьттар ю борз…

Кирхьа