***

Абу Исмаилов
МIайстойн кхиэл


   Дукха гена хьалха заманчохь нохчийн ломан цхьана ширчу юьртахь вехаш-Iаш хилла цхьа воккха стаг. Боккха корта, юсаелла чIишталгаш, меркIело юьззина, бIоржамаш санна, ши мекх а долуш, цхьа буьрсо адам хилла иза. Цуьнан цIе Чхьоча хилла.
   Виъ кIант хилла Чхьочин.
   Воккхахверг дегIана онда, чIогIа ницкъ болуш вара бохуш, дуьйцу. Цуьнан цIе БIотIа хилла.
   ШолгIаниг дегIана лоха а, дуьйсина ахкарг санна, стомма а хиларна, цунах БуппIаз аьлла цара.
   Важа ваша массарал а лекха хилла. Шуьйра белшаш а, энжеде ницкъ а болуш хиларна, цуьнан цIе ДIуьтIа тиллина.
   Угаре а жимахверг, вуткъа-веха а волуш, дегIана эгIаза хилла, цунах массара а УргIал олуш хилла.
   Дагардина ца валлал дукха бежнаш а, говраш а, жа а хилла Чхьочин долахь. И дерриге жа-бажа шайн лаамехь лаьмнийн даккъашкахула, шелъелча басе дуьйлуш, йохъелча хьаьвхе дуьйлуш, хьагделча хин тогIешца руьйта хуьттуш, дилхалахь хьекъаш, хьесапехь дебаш, лелаш хилла Чхьочийн. Царах цхьадерш эмалкдеввла, варшашкахула дIадахна а хилла.
   Къаналло а, сиркхонаша а гIелвина, кIелвисна Чхьоча эххара а. Ша Далла дуьхьал ваха воллийла хиъна, шен кIенташка схьакхайкхина цо.
 – Со хIинца бакъдуьненчу дIаваха волу, – аьлла цо кIенташка.
 – Суна тIера, юьхькIам боллуш, сагIа даккхалаш. Цул тIаьхьа, дисна долу даьхни, шаьш веанна нийсса декъалаш. Шайх нах а ца кхардош, бертахь дахалаш! – бохуш, весет а дина, Чхьоча эхарта дIакхелхина.
    Хаза нехасанна доккха сагIа доккхуш (цунна тIера шийтта сту а, ялхийтта жий а буьйш), верзо ма-веззара шайн да дIаверзийна доьзалша.
   Цул тIаьхьа жимма хан а ялийтина, БIотIас шен вежаршка хаьттина:
 – Дала гечдойла цунна, вайн ден весет дагадогIий шуна?
 – ДагадогIу, – аьлла вукхара.
 – Делахь, вай хIинца даьхни доькъур ду. Цул тIаьхьа хIораммо а шен-шен дохнан доладан деза. Вежарий резахилла. Хьелашна тIера буьхьиган тIекхаччалц, нийса хьесапдеш, цхьабосса декъна цара и даьхни. ТIаьххьара а, екъа ца луш, пхи-ялх бутт хирболуш буьхьиг йисна.
 – ХIара муха йоькъу вай? – хаьттина ДIуьтIас.
 – Кхунна кхин дан хIума дац. Кхуьнан биъ ког боькъур бу вай, кхаж а тесна, – аьлла БуппIаза.
 – Мегар ду, – резахилла БIотIа. Оцу буьхьиган биъ ког хIора вешин цIарах билгалбаьккхина цара.
   Иштта хIорш бехаш-Iаш гуьйре тIегIоьртина. Коьллаш юккъехула ежаш лелаш, и буьхьиг цхьана когах кIохцIал дахна, астагIяьлла. И ког кхоош, яжарна а юха а яьлла, вочайолуш лаьтташ шайн юкъара буьхьиг а тосаелла, БIотIас вежаршка схьакхайкхина.
 – ХIара буьхьиг азлуш ю и ког бахьанехь, цунна дарба дан деза. Хьенан ког бара иза? – хаьттина цо.
 – УргIалниг бу-кх, – аьлла БуппIаза.
 – Делахь, УргIал ахь хьай когана дарба лело деза. Ког хьан белахь а, буьхьиг юкъара ю вайн аьлла, - жимах волчу вешина тIедожийна баккхийчара.
   УргIала, кIохцал схьа а даьккхина, туьхберам а хьаькхна, лазийнчу когах бехчалг а йихкина, дIахецна буьхьиг.
   Кхеллеш тIе дIакхиссина, кхерчара араяьхна овкъарш хилла, цу юккъехь  дIаданза кIегий а долуш. Шен шелъелла буьхьиг, йохъяла  оцу  овкъарш тIе охьайижна. Цхьана кIеганах   летта  цIе  цуьнан когах  хьарчийнчу бехчалгах йоьлла. Шен  ког  багийча, кхераелла буьхьиг дIаедда керташкахула. Iаьнна кечдинчу докъарийн литташний, такхорашний юккъехула иза уьдуш, царах цIе летта. Веа а вешин докъар даьгна, дохна Iай хьалха йилла хIума а йоцуш бисна хIорш. Шайна хиллачу зена бехкениг лаха арабевлла вежарий. Вовшех дага а беввла, ойла а йина, берриге а бехк шайн жимах волчу вешина, УргIална тIебиллина цара.
 – И лазийна буьхьиган кога а хьан бара, цунах бехчалг йихкинарг а хьо вара, цунах цIе а яьлла, тхуна хилла зен ахь меттахIотто деза, –      
аьлла , тIедожийра цара.
   УргIална ша бехкке хеташ ца хилла. Амма юьртарчу наха а, хIума хуучара а, бакхийчара а хIара бехке вина. Цунна гIайгIане хилла хIара Iаш, зудчо аьлла кхуьнга:
 – Суна хезнера, МIайстарчу наха нийса кхел йо олуш. Цига гIой волахьа. Цаьрга къастадайтахьа хIара гIуллакх.
   МIайста ваха новкъа ваьлла УргIал. Хийла Iин, хийла дукъ а хадон дезна цуьнан оцу бехачу новкъахь. ТIаьххьара МIайстарчу цхьана эвла йисте кхаьчна хIара. Эвлах чувулучохь, бай тIехь гал-гIожмех ловзуш дохкуш бераш хилла. Цу юьртара араваьлла схьавогIуш, цхьа гIеметта хIоьттина стаг дуьхьалкхетта кхунна. Салам-маршалла хаьттинчул тIаьхьа, юьртахочо хьеше хаьттина:
 – Лаа-тара лелий хьо, генара хьаша?
   УргIала ша арадаьккхина гIуллакх дIадийцина. Кхо и дуьйцучу хенахь, лаьттахь Iуьллучу туьппалгана тоха дагахь хьалаайина гIаж а йолуш, леррина ладоьгIуш лаьтташ иттех шо хир долуш кIант хилла.
   УргIал и буьхьиг бахьана долуш шена хилла сингаттам бийцина ваьлча, и кIант велавелла.
 – Цу дуьнена тIера и гIуллакх дахьаш веанчунна коьртах кхета хьо, – аьлла, гIаж тоьхна, туьппалг дIаяхийтина кIанта.
 – Цо хIун бахара? – аьлла, цецваьлла УргIал.
 – Делан вазлор, оцу беро а къастор долуш хIума ма ду хьуна ахь деънарг, – аьлла мIайсточо.
 – Муха? – цецваьлла УргIал.
 – Хьуна кхаьчна ког лозуш барий?
 – Бара.
 – Ахь цунна дарба лелийрий?
 – Лелийра.
 – Оцу когах сийна цIе яьллехь а, вукху могаш болчу кхаа кого ша дIа ца бадийнехьара, и ког меттах а бер бацара. Бехкениш хьан вежарийн когаш бу. Хьан коган бехк бац, – аьлла, чекхдаьккхира къамел  мIайсточо.
   Иштта, хьекъале, нийса маьIна деш, йинчу кхиэло цIанвира УргIал, шена тIехь боцчу бехках.
   Цул тIаьхьа хаза бертахь баха хевшира и вежарий.