***

Абу Исмаилов
Шийла нур
(дийцар)

Канаш юккъера кхаби чу оьгуш ду деши. Юх-юха схьаийдеш, сутара къегачу бIаьргашца цуьнан бос схьаэца гIерташ, хьоьжу воккха стаг мухIаршка, сахьташка, хьалкъанашка, туьманашка. Дагна гилгаш дохуш дека деши, юха а кхаби чу охьаэгаш. Тайнигах ловзу бер санна, велакъежа  воккха стаг.
   Чухула къулаха дIа-схьа хьожу иза.
   Корах тесначу тишачу корталин юкъ зарзъеллачухула чуоьху бIаьстенан маьлхан йовха зIаьнарш. Церан нуьрехь хьийза эзарнаш мискъалан зарраташ. Пенаха шина а агIор кхозу уьнашарахьлера ши истанг. Церан бос къаьсташ а бац. Иштта цхьа истанг хIара тIехь Iачу дечиган маьнги тIехь Iуьллу. Сонехь лаьттачу нохчийн пеша тIехь дижина Iуьллуш къанделла цициг а ду. Лохачу неIаре хьаьжча дIабоьллина зайл а го. Боршам хьакхаза дика хан яьллачу цIенкъахь гуш кхин бен-берса хIума яц, неIар юххехь лаьтта кIудаллий, тассий, гIумгIий бен.
   Цхьана пенаца лаьтташ ду, лоха а долуш, цIестаца кхелина шира тIорказ.
   Вехха цуьнга хьоьжуш а Iай, воккха стаг хала хьалагIоттий цунна тIевоьду. Вехьа а вехьаш нуьцкъаша иза меттахдоккхий схьахиладо цо. ТIорказ лаьттинчохь цIенкъахь Iуьллу уьнан коржам схьаоьцу. Гучудолу лаьттах даьккхина долу жимо ор.
   Юха а вогIий, маьнги тIехь лаьтта кхаба, хIоа санна ларъеш дIахьой, меллаша цу туьша чу дIаюьллу. ТIе уьнан дакъа а нисдой, юха тIорказ шен метта дIахIоттадо воккхачу стага. ХIора дийнахь кхузза-доьазза кхочуш до цо и гIуллакх.
   Маьнги тIе а волий, гIевланга хIума а нисйой, агIор волу иза. Чохь тийна ду, пеша тIехь Iуьллучу къеначу цициган шира туьйранаш бен, хезаш хIума дац. Ойланашка волий, веха Iуьллу хIара…
***
Дагаоьху оьмарехь ша лелийнарш.
Кхуьнан да вехаш стаг вара.  Дукха хьал дара цуьнан. Ломахь гIотанашкахь Iа доккхуш хуьлура жа. ЦIахь маша деш гомашаш, бежанаш дара. ТIе хууш диканиг шиъ-кхоъ дин бара. Южуш лелош бугIанаш яра.
   И берриг а бахам цуьнан къийбеллачу гергарчу а, тайпанарчу а наха белхаш беш лелош бара, шайна юург-мерг хиларх кхачам а беш.
   Юьртахь лоруш стаг вара иза. Ехха йитинчу  можа кIелахь дIалачкъийнера цо шен юьхь. Хаза дуьйцура нахаца долу дош, амма цкъа а шена зен хуьлучу агIор ца дуьйцура.
Воккха хила воьлча кхунна а хьехар дора наггахь, шен дахаран бакъонех лоций.
 – Дош хIун ю? Дош? Къен стаг нахана ца веза! – олура цо. – Хьан гIуллакх нисделчхьана, хIуъу а дан мегар ду. Амма нахаца кIеда-мерза хила веза. Хабарца эца деза церан дегнаш. Хьайн дагахь дерг, кошахь санна, латто деза…
   Иштта долу и берзан гIиллакхаш берахь дуьйна девзинера кхунна. Доьзалехь цхьаъ бен воцуш кхиъна вара хIара, жима волуш дуьйна нана а елла. Кхеран гIопехь Iачу, къанъеллачу дейишас лелош вара дай, кIанттий. Нана цахиларна – экамалла, дегара – мекаралла, Iаламо елла – сонталла: иза дерриг а цхьаьний дара кхуьнан сица а, цIийца а лелаш…
***
…Гуьйренан зама тIекхаьчча, совдаьлла долу даьхни дохка дуьгура. Кест-кеста хIара а воьдура цига, да къанвеллачул тIаьхьа. Дика карайирзира кхунна махлелоран корматалла. Дас аьллачу мехал мелла а еза йохка  гIерташ хуьлура хIара даима. Совнаха даьлла ахча, дех лачкъадой,  дIадуьллура.
   ГIизларехь даьхни доьхкина, хIарий, кхуьнан ши накъосттий цIа вогIуш вара цхьана сарахь. Теркан йистерачу гIалгIазкхийн юьртана гена йоцчу атагIи чохь ежаш йоллура хьаргIанан басахь говр. Iаржлуш лаьттара, юьртахь наггахь леташ долчу жIаьлийн бен гIовгIа ца хезара. Гондахьа дIа-схьа хьаьжча, гуш адам а дацара.
 – ИбрахIим! – элира кхо, меллаша, цхьана накъосте, говрана тIе пIелг а хьажош.
Вукхо корта а таIийна, нуьйран хIоанах кхозу хьарчийна болу муш схьаийцира. Тоьшуьйтуш юххехьа шен говр а яхийтина, муш кхоьссира цо. Ша Iаччохь иза мела а ластавеш, муш, Iад санна, булабелира. Жим-жимма ийзош муш хьарча а беш, лаьцна йолу говр юххе озийра цо. ТIаккха муш нуьйран гIонжагIе чIоггIа дIабихкира. Сихха чабол эцна кхо накъост Теркал дехьа вала сихвелира. ЦIа кхаьчна валале цхьана юьртахь, безачу мехах дIайоьхкира кхо и говр а. Шина накъостана жим-жимма хIума а елла, дIалачкъийра ахча…
***
…Деши, деши, даьхни – иза кхуьнан Дела хилла дIахIуттуш лаьттара. Цунна гIуллакх деш, цунна корта бетташ схьавогIура хIара де-буьйса ца лоруш, боьхан-цIенан ца хоьржуш. Иза къестош вала йиш яцара кхуьнан.
   Ткъа шо а гена делира, ткъе итт а дуьзира. ТIахъаьлла жима стаг вара хIара цу хенахь. ДегIехь кхехкаш ницкъ бара, кийра ца тарлуш арагIерташ куралла а, сонталла а яра. Кхуьнан даьхни дара, ткъа даьхнех цу хенахь хIуъу а эца йиш яра…
   …Воккхачу стеган юьхь серлойолу, и хан дагаеъча…
   …ДоттагIий бацара кхуьнан. Нажий, ИбрахIиммий – нийсархой бара, шен гIуллакхна кхо наггахь юххе бохуш, цул совнаха, кхуьнан тайпанан а болуш. Вуьшта даима а ша хуьлура, шен ойланашца а, шен бахамца а. Кхунна дезаш а дара иза. Атта дара: дагчу гIерташ цхьа а воцуш, цхьаннийца а боькъуш бала а, сингаттам а боцуш, шена кхаьчна долу дакъа ша даа а дууш, цкъачунна карара далаза долу, берзан  де  дIакхехьа…
***
Цхьана сарахь, говрана хи мало воьдуш, дуьххьара бIаьрг кхийтира кхуьнан цу йоIах. Юьзна цIестан кIудал белша тIехь а сецош, дайчу боларца басах хьалайогIура иза. Кийрахь цIе летта висира хIара, цунна тIаьхьа хьоьжуш.
   Масех де даьлча, юьртахь ловзаргахь юха а бIаьрг кхийтира кхуьнан цу йоIах. Дато эппазанашна юккъехь дашо туьма санна хетаелира цунна иза, мехкарийн могIарех хьоьжуш чекхваьлча. Тхьамда йолчу агIорхьа а бирзина лаьттан бIаьра а хьоьжуш, шипонийн тIемашна кIела а лечкъаш Iара мехкарий. Наггахь, бIаьргнегIар тоххал йолчу ханна, Iаьржа цIоцкъамаш дегадой, кегий нах болчу агIора а хьуьйсуш.
   Цкъа а, шозза а ша волчу агIора йоI схьахьожуш а хааелла, ша Iаччохь  мекх-хIума а тоеш, нисвелира хIара.
     «ГIуллакх ша-шаха то ца делча пайда бац, – дагатесира кхунна. – ТIе хабар дахьийта а ца дезаш, аьтто хили сан-м»,… Шен ма-хьуллу сакъоьруш воллура хIара: бIаьцаш еш, балдаш меттаххьедеш,  куьйга эшарехь къамел деш. Я кхо дуьйцучух и ца кхетахь а, хIуъу а делахь а,  йоьIан елаялар а, схьахьажар а кхуьнан хичашца дуьхьал нислуш ца хуьлура. Кхо: «Сан юьй хьо?» олий цунна тIе а хьажабой пIелг шен некха тIе хьажийча, «яц» олий корта ластабора йоIа. Ткъа шолгIа: «ДIагIо вай?» олий кхо корта ластийча, «реза ю ша», – олий корта  таIабора йоIа.Цо лелочунна тIаь ца кхуьуш хIара  воллучу хенахь, пондар, вотий саца а дина, ловзаран «инарлас» дIакхайкхийра сацам:
 – ХIей нах, дIахаалаш: кху ловзаргахь мехкарий а, жерой а кхайкхор бу, шуна. ЙоIана тIера пхи сом дала деза шуна, жерочунна тIера – кхо сом…
   Цул тIаьхьа гIаьттира кхуьнан   са лаьтташ йолу йоI.
Бал чекхбаьлча, йоI охьа ца хоуьйтуш, сацийра човсо.
 – Ва-а, ва! Мохьмадан йоI Сацита хьанна евза? – аьлла, мохь туьйхира цо.
   Юьхь дIалачкъийна цIийелла лаьттара йоI. ХIара шен кисана кхевдира. Ахчанан шуьйра кехаташ буйна даьхкича, куьг киснара схьа ца даккхалуш ойлаеш хIара Iашшехь, – Суна евза! Схьавоьл! – аьлла мохь белира кхуьнан лерехь.
   Дог даьттIа дIахьаьжначу, кхунна гира шена тIехьа лаьтташ цхьа жимха. Кхарна гена воцуш вехачу, декъазчу Мустин кIант Iаьлбиг вара иза.
   Човсо, тIевеъна цуьнгара схьаэцна, ахча  «инарле» дIаделира.
Ловзар дIадоьдуш дара. Тохара санна схьахьоьжуш Сацийта а яра.
Амма хIара-м жIаьла диъча санна Iара. Кхин хан ца йоккхуш дIавахара хIара цигара…
***
 Цул тIаьхьа, лулахошка чу а кхайкхина, шен захало кхуо дIахьахийча, дог ца дахийтира йоIа кхуьнга. Хаза гIиллакхехь къамел  а  дина, коьртаниг аьттехьа  ца  дуьтуш  дIаяхара  иза.
Мехкарий мел дукха хиларх а, Iаьлбиган, Сацитин ирс дохийна а, шен лаам кхочуш бан, чIагIо йира кхо. Шена юххе Нажий, ИбрахIиммий а ваьккхина, цхьана сарахь, хи дахьаш йогIу а ларйина, Сацита яьхьира кхара, барзо Iахар санна.
   Вела стаг дIаволлаза ца вуьсу, ялийна зуда а дIаерзоза ца юьсу, бохуш ду дайн кица. Кхуьнан дас, сацийта аллалц, даьхни делира Сацийтин нахана, цунах гергарло дан гIерташ.
   Амма ца йохйира цо кхуьнан хIусам. Юьхьанца цкъа шен бен тобан гIерташ, хилларг хилла даьлла дела, йолаелира Сацита. Делахь а цхьана сарахь кхуьнан хIуьцIа-пIуьцIалгаш совделира. Кхидерш магийтича а, кхьуьнан зудчо хьакхочу ахьаран бала кхачар а, иза дукха хIунда хьакхийна, ялта хIунда дойу, бохуш цIийнда зудчуьнан гIуллакхашна юккъе гIертар а лан хала дара. Ткъа кхуьнан бала боцуш, нуй хьакхарна бист кхаччалц, хIума дацара.
   Сацита кхуьнца къамеле а, хьасене а ца йолуш сецнера. Шен бехк цунна хьалха буйла а хууш, делахь а, шениг дита а ца луш, хIара наггахь велалой хьасталой иза къамеле яккха гIуртура. И кеп кхо хIоттийча, кхьунан ца хууш леларе хьаьжча, кхин а чIогIа бIаьрг бодура зудчуьн…
   Цул тIаьхьа ши-кхо шо делира. Да а кхелхира, бахаман дерриг а дукъ шена дисира кхунна. Сацитас кIант вира. ХIуъу а дина а цуьнан дог эца хIара гIертарах, гIуллакх ца хуьлура. Шийла яра иза. ГIийла хьоьжура цуьнан гIелбелла ши бIаьрг. Сахилаччул тIаьхьа маьркIажа бода къовлабаллалц, садоIийла йоцуш, болх бора цо чохь а, кертахь а. Ца яьллий бен юуш хIума а яцара. ГIаж санна, якъаелла, бIаьргаш хьела а бахана, ша шена таIзар деш лаьттара цо.
   КIентан ворхI шо кхочуш, хеназа къанъелла, гIелъелла шийлачу Iожалло дIаяхьира иза…
***
Ша висира хIара шен жимачу кIантаца. ХIинццалца шен кара догIуш хиллачу ахчанах кхо даима деши оьцура. Хаьара кхунна, хIуъу а хийцамаш хилахь а, дешех деши хир дуйла. ТIаьххьарчу шерашкахь кхуьнан бахам кхин стамбала йиш ца хуьлура. Заманаш
хийцаеллера. Адамаш а хьалха санна дацара кхуьнца. Цхьаммо а хIара тергал ца вора. Йораха вацон стаг хIинца ца нислора. Кегий нах Соьлжа-гIала дIаоьхуш бара белхаш бан. Хезаш дара цигахь мекхдаьтта доккхуш а, некъаш дохкуш а, заводаш йохкуш а белхаш бу бохуш. Шен даьхни кхо дерриг а дIадоьхкира, кIеззиг хIума бен  ца юьтуш. Ахчанах деши ийцира.
   Дика йина гIап яра кхуьнан дех йисна, гондахьа лекха, арара чухьаьжча хIума гур доцуш, йина керт а йолуш. Оцу йоккхачу кертахь ша Iаш вара хIара шен  жимачу кIантаца. Экха санна цец а, аьрха а вара кIант шен ненан амалах вуьззина.
   Цу хенахь Соьлжа-гIала вахана кхо-диъ шо а даьккхина цIа веана вара Iабаз бохуш цхьа «жима стаг». Цигахь оьрсийн мотт а Iамийна, церан жайнеш дешна, керста ваьлла, бохуш, дуьйцура цунах. Кест-кеста кхуьнан кIант Iимран буьйсанна хан яьлчий бен  чу вогIуш вацара. Дийнахь а лехча атта ца каравора иза кхунна. Цхьана дийнахь говрана хи мало гIо ала иза лехира кхо. Мохь биттира. Аьхкенан хан яра. ЦIийнан тIехьа кхунна гира иза, лечкъина цхьаъ деш воллуш.
Тебаш цунна тIевахча, гира цуьнан карахь доллуш цхьа жайна. Катоьхна цуьнгара схьадаьккхира кхо иза. Оьрсийн жайна хиллера кIанта доьшуш дерг. Iадийча санна лаьттачу кIантана хьалха этIийра кхо иза, кегийра дакъош деш.
   КIант вист ца хуьлуш лаьттара. Кхо цунна цкъа а ца тухура, къахеташ. Жайна этIор а, кIант дакъаза ца валийта дагахь дара. Амма, кIант кхо аьллачун тIера ваьллера. Иза хIинца воккха хиллера. Пхийтта шо дузуш лаьттара цуьнан. Дена ца хаьара кIентан дагара. Я иза хаа гIерташ а вацара хIара. Жайна этIа а дина да  дIавахча, вехха Iийра кIант ойлаеш.
   ГIенах долуш санна, дагаоьхура шен ненан сибат, цуьнан даима а гIийла хьоьжуш хилла ши бIаьрг, цуьнан балхо шагдина куьйгаш. И ши куьг суьйранна кIант охьавижочу заманчохь нанас цуьнан коьрта тIе хьокхура, шен бIаьргех охьауьдуш долу мела хин тIадамаш цунах лачкъо а гIерташ. ХIунда йоьлхуш хилла иза кIантана ца хаьара цу хенахь, амма хIинца тIаьхь-тIаьхьа гучудолуш лаьттара цунна иза. Дерригенна а кIентан бIаьргаш схьабиллира Iабаза. Цунна ца хууш хIума дацара. ХIинццалц генарчу раьгIнел а, лакхахьарчу лаьмнел а дехьа кхин дуьне дан а дац моьттуш хилла волчу кIантана хиира, дуьне доккха дуйла. Инзаре хиллера дахар.
   Ткъа хIинца долчу дахаре леррина хьежа Iамавора Iабаза кIант, гойтура гондахьа долу хьал.
   Iабаза дуьйцура, дуьненчохь йолчу харцонех лоций.
 – Хьажал хьо, – олура цо, – вайн юьртахь дукхахберш миска, хала туьхий сискал даа гIерташ, тишачу лаппагIанашкахь бохкуш бу, ткъа цхьаберш хьой, хьан дай санна, даккхийчу сирлачу цIеношкахь бехаш бу. Гой хьуна эвла юккъехь деш долу тIе-кIел дина цIенош, цхьана стагана, цхьана доьзална деш ду уьш. Нийсо юй иза тIаккха?
 – Тхан цIенош сан дендех дисна ду, ткъа и деш долу цIенош эвлаяана деш ма ду.
 – Со санна волу эвлаяъ ву  хьуна иза а. Нах Iехош лела-кх. Эвлаяъ а, молла а, совдегар а массо а цхьаъ ву хьуна уьш. Амма хаалахь, ахчанца эца ца луш цхьа хIума ду хьуна, иза стеган сий ду.
   КIентан дагчохь цу къамелаша самайохура хIинццалца ца хила йолу ойланаш. Iимрана чIагIойинера дерриге шена хаа, массо а хIуманан дуьхье кхиа, шен ницкъ ца кхоош. Киншкаш еша а Iемира кIантана Iабазан гIоьнца. КхозлагIа шо дара кIанта дешар Iамадо. ХIинца оьрсийн маттахь йолу  и  киншка, наггахь долу дош бен ца кхеташ ца дуьсуш, еша хаьара кхунна.
   Шаьшшиъ дIасакъаьсташ, Iабаза еша киншка елира кIанте. ХIинца кIантана хьалха кегийра дакъош дина Iуьллура иза. КIентан жимчохь дуьйна дарделлачу даг тIе туьха тасар санна хIума дара дас динарг. КIантаца йолу уьйр ца лохуш, шен цуьнца бозуш хилла тIаьххьара хьаса хадийра дас. Iимран дIахервелла ваьллера. Ден бахамца гIуллакх дацара цуьнан. Ца хаьара кIантана шен ден мел деши ду а.
***
       Ткъа иза дукха дара.
   Кертахь лаьттах йоьллина яра цхьа кхаба…
   Воккхачу стеган юьхь макхло иза дагадеъча…
   …Къацахетаршна муха а тосаеллехь а, тосаелла хиллера иза. Мичахь дIадиллина кхунна шений бен ца хаьара.
   Цхьана дийнахь сагIадоьхург веара кхеран керта. СагIа шена делча, седа-жайна хьожуш ву ша аьлла, четара жайна схьаийцира цо.
   Цхьана агIонан тIехь иза схьа а диллина цо элира:
 – Хьан цIе КIудус ю! (иза цIена бакъ дара).
       Кхин дIа хьоьжуш волуш, иза цецеваьлла кхуьнга хьаьжира.
– ОстопираллахI. ОстопираллахI! ХIара хIун ду? – Цхьанний хазарна кхоьруш санна, кхуьнан лере а хилла, шабарш дан волавелира иза. – Кху жайно боху, цхьанхьа лаьттах йоьллина хазна ю хьан. И хазна жинийн макъара йоьрзуш лаьтта, – инзарваьлла ладоьгIура кхо цуьнга.
 – Кхаа Iуьйранна сай-бодий къаьстачу заманчохь, ЛаилахIа ил АллахI,  олуш кхо го баккха беза ахь, – элира цо кхин дIа а.-Ахь иза ца дахь, хазнех вер ву хьо…
   СагIадоьхург дIавахча воьхна хьаьвзира хIара. Шеко йоцуш хIума хууш ву-кх иза, аьлла тешнера хIара цунах. Iуьйранна, цо шега ма-аллара, гIуллакх дира кхо. Сахилале гIаьттина керта а вахана, кхаба лаьттах йоьллинчу меттигана кхо го баьккхира, зикар а деш.
   ШолгIачу Iуьйранна, хIара вахача, кхаба яьллинчохь доккха ор карийра кхунна.
   ВорхIе а дена а, нанна а наьIалт кхайкхийра кхо цу дийнахь, нахала вала йиш а яцара. Байттамал бохуш висира…
***
 Ша Iаччохь цергаш хьакхайо воккхачу стага.
   …Кхузза ша цо аьлларг дан кхиънехь, шен деши кIелхьара дериг хиларх тешна вара хIара. Амма жинашца къийса хала дара.
   Цул тIаьхьа безам байна дIайоьхкира кхо и меттиг а, цIенош а. пайда боццу хIума елла хIинца ша чохь волу лаппагIа ийцира…
***
 Чехка говраш санна тIехлилхинера дIадевлла шераш.
   КIант воккха мел хуьлу шен къанвалар дагатуьйсура. Дукха хIуманаш хийцаделлера дуьненчохь. Хийца ца луш дерг цхьа деши дара, кхуьнан цуьнга болу безам а бара. Буьйсанна гIенах дуьхьалтуьйсура кхунна исбаьхьа гIаланаш. Совнаха кепек ца йохкалора кхуьнга.
   ЧIана ваьлла, дастам ваьлла лелара хIара хIинца нахана гергахь ша къен ву моттийта гIерташ.
   Луьра а, хала а заманаш яра уьш. Паччахьа беш тIемаш бара Германца. Цига дIакхуьйлура къона а, къен а ца хоьржуш. Ехха маж йитира кхо. Кара Iаса а ийцира. КIант а воккха хилира. Шеек вара хIара цу Iабаз бохучу копаро иза талхийна аьлла. И шиъ наггахь цхьана Iаш хаалора кхунна. Iабаз цхьаъ дуьйцуш хуьлура, ткъа Iимран леррина ладугIуш хуьлура.
   Соьлжа-гIала деша а, болх бан а воьду ша, аьлла цхьана суьйранна кхуна хаам а бина, дIавахара  кIант. Кхуьнан ницкъ ца кхечира иза сацо. Тахана долуш санна, дагаоьху шаьшшиннан тIаьххьара къамел.
 – И хIун ду ахь дуьйцург? Кхин хьо дийна а волуш хьаха ма делахь иза! – аьлла, тIечевхира хIара цунна, кIант кхеро дагахь.
 – Кхин хьехо гIуллакх а дац иза-м. Со хIинца новкъа волуш ву! – шеквоцуш инкарло йира кIанта.
 – ХIан?.. – воьхна висира да, гIеххьа вистхилар доцуш Iийра. Кхийтира хIинца ша кIантах волуш хиларх. Леррина хьоьжура хIара кIентан амате, шен ненан сурт санна вара иза. Дагаоьхуьйтура цуьнан Iаьржа месаш, догцIена хьоьжуш хилла хаза ши бIаьрг. Ткъа дегI а, куц а, кхуьнан санна, онда дара. Безамехь жима стаг хиллера кIантах.
   «Ца ларвира ас шен хенахь», – бохура кхо ша-шега. – «Серах ца бина хIоз, хьокханах балур бац», – дагадеара кхунна.
   Делахь а хIинца кхунах ваьлча сан кхин дан амал ма дац. Iехалур вацара-техьа? – аьлла дагатесира. – Сих вала мегар дац! Сих ма ло, – олуш хьаставелла велакъежира хIара. – Ойла ян еза кханенан. ХIун лелор ду ахь цигахь? Хьуна юург-мерг а, вижа меттиг кечйина Iаш стагга а вац. ЦIахь волуш санна хир дац хьан гIуллакх. Хьо хIинца воккха хилла, вахаран ойлаян еза. Со мел Iан а ца хаьа. Ас хIинццалц хьуна ца хоьуьйтура хьо мел бахам
Болуш ву. Хьажал хьо! – каде хьалагIаьттина кхо схьаийцира тIорказ чуьра ахчанан таппаш, юха ведда схаьийцира кхийра кхаба. Иза а маьнги тIе бертал ерзийра: дешин барз хIоьттира цигахь. – ХIара дерриг а дац. Кхин а ду хьуна.
   КIант меттах ца хьовш лаьттара, кхуьнга хьоьжуш.
 – Бахамо веш ву стаг, – бохуш кхин дIадора кхо шен къамел, кIанте хьожий ла а дугIуш. – Деши – иза ду дахаран маьIна!
 – Дац!
 – ХIун ду делахь? – цецвелира хIара.
 –  Стаг ву-кх. Шен иэхьаца, гIиллакхца, оьздангаллица, шен кхечу адамашца йолчу юкъаметтигаца. Иза дерриг а дахаран маьIна ду. – Сих ца луш, паргIат ша аьлларг шеко йоцуш бакъ дуйла хоуьйтуш, къамел дора кIанта. – Хьо-х хIинца къанвелла. Ткъа дахар гиний хьуна? Мила ву хьан гергара стаг? Мила ву хьо везаш а, хьуна везаш а? Мила ву хьан тешаме доттагI? Мила лоруш хилла хьо? Хьанна гIо дина ахь? Сара санна, цхьалха ву хьо. Цунах эцал ахь тахана и дерриге а, – аьлла, дешина тIе пIелг хьажийра цо. – Эцалур дац! Суна ца оьшу хьан деши. Иза хьарам ду. Цхьанний хьацар, мацалла ю иза. Хьан а дац цунах дан хIума. Со хIинца бIаьрзе вац. Дуьне докха ду, хьуна ца моьттучу кепара доккха ду дуьне. Дукха адамаш ду кху лаьтта тIехь дехаш. Царах дукхах берш, вайна гондахьа Iаш болу миска нах санна, хала бохкуш бу. Церан ойла ян еза яхь йолчу массо а кIанта!
   Воккха стаг дегаза велало:
 – Делахь ахь бузабе и меца нах. Хьоьга дузалур дуй дерриг а дуьне. Хьан хабарах вузур вуй цхьан а, вохлур вуй цхьан. Бакъ вац хьо. Массо а шен-шена волу хьуна. Баркалла хир дац хьуна, наха Iовдал лорур ву хьо, и хабар ахь дийцахь. Дита иза.
 – ХIан-хIа. Сан некъ ас хаьржина, Iалашо суна гуш ю. Хийцалур ду дахар. Адамашна юккъера берзан гIиллакхаш дIадевр ду. Ирсен, бертахь, цхьабосса массо а нах бехар бу. Гой хьуна цIийелла суьйре – йиэкхна хинйолчу кханенан билгало ю иза. Хьо марша Iойла. Кхин ган а мега вай.
 – Iимран! Iимра… Собар де… Собар! – кIант, юха ца хьожуш кех велира. Дагах цхьа ира цхьамза Iоьттича санна хеталуш, са малделла охьалахвелира хIара…
   Езачу зудчух а ваьлча, гергарчу нахах а ваьлча, кхуьнан виснарг цхьа кIант вара. Цу шийлачу суьйранна кIантах а велира хIара. Дуьне деса дара. Шийла къегара маьнги тIехь лаьтта дешин барз, корах чукхеттачу чубузучу маьлхан тIаьххьарчу зIаьнаршлахь…

***
   Мартанан хи санна, дIаоьхура зама. Цхьана бIаьстенан юьххьехь схьахезира, генарчу Петербухехь оьрсийн паччахь Миколай вохийна, аьлла. Иза бакъ дуй, даций бохуш Iашшехь, цу гурахь керла Iедал хIоьттина коьртехь Ленин а волуш, аьлла дийца долийра.
   Чехкачу боларца керчаш йоьдура заманан чкъург. Амма дог ца тешара, дерриг а дIадаьлла аьлча. Шен тишачу лаппагIанашкахь Iара хIара, дерриг а тергалдеш, и чкъург юханехьа карчаре сатуьйсуш.
   Кханий, кханий бохура кхо ша-шега, шен ламазаш тIехь, доIанца Деле кхойкхура, хIара сурт гуш Iашшехь, хIунда хуьлуьйтура ахь, бохуш.
   ХIуьттаренна санна, де-дийне мел дели чIагIлуш лаьттара керла Iедал. Луьрачу тIемашкахь туьйлира иза. Ткъа хIинца колхозаш йохку бохуш, вовшахбетталуш бу.
   Ма доккха хIума ду!
   Ма доккха хIума ду!
   Селханлера леш байца хьаькамаш а хилла лелаш! Хуур ду вайна! Хьовсур вай! Тахана со шуна гергахь къен стаг ву, амма кхана ког галбаьлча шун Iедал дохахь, ас сайн кара дерзор душ у, Делан мостагIий…
 
***
 …МаьркIажан хан хуьлуш лаьтта. Боданашкахь халла къаьста воккхачу стеган юьхь. Иза овкъаран басахь хетало. Юхаян йиш йоцуш дIайоьдуш лаьттачу ширачу заманан сибат санна Iуьллу воккха стаг бодашкахь. Хорша еъча санна къега цуьнан бIаьргаш. Юха а дагна юххе гIерташ бу ира цхьамза. – ХIан…хIан… – ца тоьу хIаваъ. Корах корталин юкъ зарзъеллачухула чухьоьжу Сацитин ши бIаьрг… НеIаре хIоьттина лаьтта Iимран… Йист ца хуьлуш, гIийла хьоьжу Сацита корах чу…
   …ЦIеххьана хаало дегIан цхьа а меже метах ца хьовш хилар. Вистхила гIоьртича мотт а ца хьов метах. Дерриг а дуьне хьийза доладо, эзарнаш маьлхаш санна, къегаш хьийза бIаьргашна хьалха деши, деши, юха а деши. Цо дойъу бIаьрган нур, Iаьржа бода хIутту дуьненчохь…
   ЦIеххьана йовха тулгIе хьалахьоду дагчуьра коьрте.
   ЦIийеллачу суьйренан сурт хIуттий, дIайов синкхетаман тIаьххьара ойла…

* * *
Иштта чекхделира цхьана стеган ладам боцу дахар. Ша шена, шен сина, шен дегIана ваьхнера иза, шен дегайовхонан Iаьциг цхьана а адамана дIа ца луш.
   Эрна арахь кхиъначу акхтарган дахар а цу стеган дахарал сийлахь лара мегар дара. Цу акхтарго шен куьцаца нехан бIаьрг хьоьсту, аьхкенан довхачу дийнахь, шен IиндагIан шелонца цо некъахочунна садаIан меттиг латтайо.
   Ткъа Къудуса нахана, мерза дош аьлла а, там ца бинера.
   Цундела акхтарган IиндагIал а лар йоцуш чекхделира цуьнан дахар, цхьана адаман дахар…