***

Абу Исмаилов
 






 


ЧАРДАКХЕХЬ

- Мацах цкъа чохь адамаш дехаш хилла х1усамаш яра  х1орш. Х1инца шена оьшучо не1арш а, кораш а, чутоьхна хилла аннаш а схьадаьхна, 1ай а, аьхка а чухула дарц а, мох а хьийзаш лаьтташ яра  лекха б1ов
Ах чу а боьжна, латта бахьана дуй-те аьлла хеташ, кхозучу тишачу тхов к1елахь барт болуш а, боцуш а, хала а, атта а дехаш 1ара кхокхарчий а, цхьа къена бух1а а, бирдолагийн доьзал а.
Кхокхарчий даима а массаьрца бертахь хила г1ерташ, г1иллакхе, оьзда лелара. Церан к1орнеш а яра цхьа тамашийна эсала йолуш. Кегий йолчу хенахь-м ч1ог1а ирча хетара уьш, яккхий з1акарш а йолуш. Т1аккха жимма 1ийча т1е хаза месаш а йовлий, з1акарш жим а лой, хазлора уьш.
Кхокхарчий-м цхьанний новкъа дацара. Бирдолаг самадаьлча уьш даима охьадийша кечлуш я набъеш карадора кхунна даима. Цунах ч1ог1а цец а долура xlapa.
— Баба, — олий, хотгура кхо шена юххехь шен къанделла шуьйра 1аьржа т1емаш д1аса а тосий 1аш йолчу шен денене, къеначу бирдолаге. — И кхокхарчий даима а набъеш ма ду.Уьш цкьа а ара ца довлу, дадий, мамий санна?
—  Дера довлу, жиманиг, ахьа набъечу хенахь уьш сема хуьлу. Уьш   дийнахь  лелаш  олхазарш   ма   ду.
—   Олхазар  х1ун  ю, баба?
—  Олхазар т1емаш а долуш, з1ок а йолуш, шина когара садо¬лу  х1ума   ю-кх,—олура Бабас.
— Иза х1ун ю, Бaбa, хьажахь, — олура Бирдолага, ша 1ачу тхов кIеларчу дукъу т1ера чу хьаьжча, генна бухахь    б1ов    чу    сада1а чуеъна борз гича.
Иза экха ду-кх, беакогара экха. Церан т1емаш ца хуьлу.
 - Т1аккха вай х1ун ю? — уггаре а хала хаттар дора дерриг а  хаалуучо.
—  Вай бохий ахь? — Баба ойланашка йолура.
—  Шу х1уммаъ яц-кх, xle-xle-xle, к1алц1олаш ю-кх шу, — олура дехьарчу т1ег1ан т1ехь баккхий б1аьргаш а лепош 1ачу Бух1ано.
Бирдолагна шена дуьххьара хааелчахьана дуьйна a еза ца еллера и къена Бух1а. Даима а цхьа маьттаза, к1оршаме хуьлура цо мел олург. Гуттара а кхарна цхьаъ ала г1ерташ хуьлура иза. Кхарал дукхаъ йоккха а, ницкъ болуш а яра Бух1а. Наг-наггахь шен боккха горга ши б1аьрг а къарзош, корта а хьийзош 1apa иза. Цуьнца гергарло лелош цхьа а вацара. Цуьнан к1орнеш а яцара. Кхузткъа шо хьалха х1окху б1ов чохь буьйса яккха сецначу нахах цхьамма хазахета топ тоьхна цуьнан накъост вийна бохуш дуьйцура. Ша 1аш йолу дела хила а мегара иза даима а массарна а реза йоцуш хилар. Мухха делахь а, шегара хаза къамел хозуьйтуш яцара Бух1а.
Кхокханийн цуьнца к1езиг г1уллакх хуьлура. Уьш даима дийшина ма дара. Ткъа бирдолаган доьзалан иза ца лайча ца  йолура. Х1унда аьлча, кхечанхьа бен лоьхийла а дацара, массо а б1ов, массо а хьех а кхечара д1алаьцнера. Кхеран доьзал ворх1е а дехь дуьйна а кху чохь 1ийна а бара. Цундела хала а, атта д1а хан тоькхура кхара цхьаьний. Бух1анца къийса шайн ницкъ цахиларна, цуьнан 1иттаршка ла а доьг1уш, шайна ца хезча санна 1ад1ара.
Дукха хьолахь Дадий, Наний Бирдолаг самадаьлча чохь ца хуьлура. И шиъ даима а даьлла лелаш дара, юург лоьхуш. Наггахь дог1ий, ц1a кхочура жимма мозий а, полларчий а дохьуш. Бабас ша меца яц олура. Ткъа кхунна-м цкъа-шозза кхаллал а ца хуьлура еанарг. Массарна а ч1ог1а хазахетара кхо уьш юуш. Цун¬дела кхуо ерриг а д1акхоллура. Дадий, Наний юха а д1адоьдура.
Тховса а, иштта и шиъ д1а а дахна, цаьрга хьоьжуш lapa Ба-бий, х1арий.
Аьхкенан хаза тийна суьйре т1ееънера. Тхов чукхеттачухула гуш дара стиглахь гучудуьйлу седарчий. Генарчу дукъа т1ехула схьакхийтира боккха горга можа-ц1ен бутт. Кхокхарчийн к1орнеш д1айийша ца туьгура. Ловзуш, ц1ийзаш г1овг1анаш йора цара. Уьш теян г1ерташ, йиш лоькхура церан нанас. Даима цхьаьна тхов к1елахь 1арна, кхарна массарна хаьара вовшийн мотт. Цундела х1ораммо аьлларг а кхеташ хуьлура. Шен к1орнешка Нана-Кхокхано бохура:
Д1айийша, д1айийша,
Сан жима к1орнеш.
Шун дада г1елвелла,
Г1елъелла нана.

Д1айийша, д1айийша
Сан жима к1орнеш.
 Керла ницкъ гулбина
 Г1овттур вай кхана.

Г1ийла хьоькхучу мохо лаьмнийн басешкарчу тайп-тайпанчу бецийн, зезагийн иэелла цхьа башха хаза хьожа схьакхоьхьура. Хезара яккхийечу цаьпцалгийн екар. Цхьанхьа-м г1алх деш чан-г1алкхаш хуьлура. Наггахь мох тухуш т1ехлоьлхура кхечанхьара бирдолгаш. 1алам буьйса йоьлла аьлла д1атийна дацара. Дахар кхехкара буса а. Оцу дахарна юкъадаха, арадала, дуьнене б1аьрг-тоха а, ладог1а а, массо а зезаган хьожа яккха а сатуьйсуш дара жиманиг.               
Амма, хьалхе ду, жима ду хьо х1инца а бохуш, баккхийчара ара ца долуьйтура xlapa. Эцца кху чохь пена т1ера пена т1е кхоссадала йиш хуьлура, Бабас дов дешшехь. Иза дош ма дацара. Ткъа кхунна ша х1инца жима а ца хетара.
Кхокхано кхин д1а а лоькхура шен йиш:

Дашо малх бижина
Лаьмнашна т1ехьа,
 Шен беркат дерриге
Вайна схьаделла...

—  Баба, — хоьтту Бирдолаго, — Малх!   И х1ун ю — малх! Дийцахьа, Баба.
—  И муха дуьйцур ду, жиманиг, хьуна. Малх — иза   ца   гича хала бу бийца.Дерриг а лаьттана йовхо луш ерг, сийна буц йолуьйтург,   хиш бухадуьйлуьйтург,   садолуш   мел йолу х1ума кхиориг малх бу бохуш дуьйцур-кх вайн дайша.
—   Хьуна   ца   гина   и?
—  Ца гина, к1орни... Малх гина бирдолаг дуьненчохь дац.
— Баба, суна ган лаьа и хаза Малх! — элира Бирдолаго. — Цуьнга хьажа лаьа суна. Маца хир бу иза?
—  Дукхадахарг, и схьакхетале-м хьуна наб кхетар яра. Малхе хьажа мегар дац, к1орни.Мегар   дац!
—  Х1унда дац, Баба? Массарна а мегаш хилча, суна х1унда ца мега?
– —  Доккха хилча хуур ду хьуна. Сада1ийтахь соьга. Ма дукха лоь хьо, — аьлла, оьг1аздахара кьена Бирдолаг.
—  Боккъалла а ма тамашийна х1уманаш    ю-кх    шу, — олуш ша 1аччуьра йистхилира, кхаьрга ладоьг1уш хилла Бух1а. Цо х1инца а цхьа 1оттар йо-кх аьлла хийтира к1орнина. Амма Бух1а тховса   мелла а хийцаеллачух тера дара.
—  Массарна хууш а бу шуна шайна мацах цкъа боьллина сар¬дам, х1етте шайн к1орнеша хаьттича уьш даккхий хиллалц, церан ойланаш артъяллалц, уьш шайх   д1атардаллалц, бакъдерг цаьрга ца дуьйцуш, 1адда1а шу. Цул т1аьхьа уьш а шайн кхолламна къера а хуьлий, массарна а дерг деза де ду-кх олий, хьалхалеранаш санна шайн бодане дахар д1акхехьа дуьйлало. Сан бала болуш х1ума-м дацара xlapa, делахь а суна сайн жималла а, аьрхалла а дагаяийти оцу к1орнино. Ас дуьйцур ду хьуна бакъдерг,  сайна сан ден ненананас дийцинарг, цо шена а дийцина бахар-кх xlapa шен ден денанас. Мухха а аьлча а, дуккха генара, кхин дацахь б1е эзар шо хьалха дуьйна схьадог1уш дийцар  ду xlapa.Дика ладог1алахь,   жима Бирдолаг.
Иштта д1адолийра цу сарахь къеначу Бух1ано шен дийцар.



БУХ1АНАН ДИЙЦАР

Хилла иза, аса ма-аллара, дукха зама хьалха.
Йист йоцчу сийначу х1орда юккъехь лаьтташ хилла йоккха г1айре. Мокхазан пенаша санна цунна гобина хилла лекхачу бердаша. Хеталуш хилла, ог1азбахана х1орд и г1айре д1акхалла г1ерташ санна. Шок етташ, 1оьхуш т1ехехкалора цунна яккхий тулг1енаш, дера етталора уьш мокхазан бердах. Йоьлхуш, ц1ийзаш юхаюьйлура.
Г1еллора х1орд ишттачу т1амехь, д1атоьра керлачу т1елатарна ницкъ гулбеш.
Садо1ура бердаша малхехь а, мохехь а шайн дурбелла aг1oнаш а бакъош, шайн т1улгийн шийла ойланаш а еш.
Лекхачу лаьмнаша х1ордах а, мохах ларъеш  лаьттачу  оцу г1айре т1ехь, шайна юккъехь баьццара ирзош  а  долуш, юькъа хьаннаш яра, Оцу г1айре т1ехь лаьмнашкара бухдуьйлуш схьаоьхуш хьаьъна, сирла хиш дара бохура.
Оцу г1айре т1ехь дехаш акхарой а, олхазарш а дара бохура, Ши пачхьалкх хилла боху оцу г1айре т1ехь: акхаройн а, олхазарийн а.
Х1инццалца чохь сецийна хилла шира хабар массарна а хазийта г1ерташ, шега ладуг1уш хиларх йоккхаеш, шегара мелла а т1етухуш, хаздеш дуьйцура Бух1ано.

               
ЛОЬМАН ПАЧХЬАЛКХ    

...И ши пачхьалкхе хаза бертахь ехаш а хилла. Х1унда аьлча, церан къийса башха х1уммаъ ца хилла. Олхазарш дитташ т1ехь а, хиш т1ехь, лаьмнашкахь а шайн баннаш а деш, тевна а доккхий, к1орнеш а кхиош дехаш хилла.
    Ткъа акхарошна лаьтта т1ехь а, хьаннашкахь а меттиг шортта хилла.
Вовшашна к1езиг зен деш хилла цара. Эцца наггахь цхьогало я цициго олхазар-х1ума лоцуш, куьйрано, я маккхало пхьагал-х1ума лоцуш меттигаш нислуш хилла хир ю.
Амма шаьш вовшашлахь акхароша акхарошна юккъахь а, олхазарша шайна юкъахь а даима къизалла а, ч1ир а лелош хилла. Г1ийланиг а, ка-м1ара а, ира церг йоцург а ницкъ болчо х1аллакьеш юуш, вовшийн ц1ий муьйлуш, лелаш а хилла, лелаш а ю уьш х1инца а.
Дийнахь а, буса а церан дахар цхьаъ са дадийна уьдуш, важа цуьнан лорах лелаш я к1ело йой, тешнабехк беш схьаихна дуьне долийчахьана а.
Церг ира ерг, ницкъ берг бен, ког маса, лерг-б1аьрг сема берг бен дийна ца юьсуш луьра заманаш хилла уьш. Уггаре ницкъ болчу экхано шен карадерзош хилла дерриге а акхарой.
Уггаре ницкъ болчу олхазаро шен карадерзош хилла дерриге а олхазарш.
Иштта акхаройн паччахь Лом хилла, ткъа олхазарийн — Аьрзу хилла.
Аса хьуна юьйцучу оцу г1айpe т1ехь беркате зама хилла цу муьрехь.               
Даима йовхо луш хьоьжучу малхо а, лаьмнех бухдуьйлучу хиша а алссам буц йолуьйтуш, хьаннаш хьекъош, дажа меттигаш шорта хилла сешна а, гезаршна, хьакхарчашна а, пхьагалшна а. Уьш дерстина а, хьийкъина а хилча, шортта юург кхочуш хилла царна тебаш лелачу берзалошна а, чанг1алкхашна а, цицигашна а, цхьогалшна а, ткъа уггаре хьалха акхаройн паччахьна Лоьмана а.
Шаьш лаьцна йолу х1ума Лоьмана хьалха д1акхачо езаш хилла кхидолу акхарой.
Цхьана   дийнахь  дара   иза...
—  Ахьа-м хьайна гича санна ма боху иза, — элира Бабас.
—  Сайна х1инца гича санна хета а хета суна иза, — шек йоцуш къамел дора Бух1ано. — Цхьана дийнахь дара иза.    Ирзо   т1ехь хаза сатедина сийна буц юуш, хьала кхевдий дитташ т1ера    мар-г1ал кхоллуш, дежаш лелара сеш. Амма  лекхочу метте а баьлла, шен гена там ца беш, наггахь церг тухий, буц а    кхоллий,    сема ладоьг1уш, лергаш ирдина синтем боцуш мочхалш а хьедеш, нох дохуш, лаьттара боккха Сай. Тийна дара, сейн дажар бен,   генаш   юккъехь наггахь олхазарш бен, кхин х1ума ца хезаш. Делахь а цунна хаьара, и тийналла тешаме йоцийла. Цунна хаьра, оцу коьллаш т1ехьа я д1огарчу боккхачу чхара т1ехьа тебаш берзалойн арданг хила мегийла. Цундела сема ладоьг1ура цо.
Безамехь, куц долуш бара и сай. Цуьнан бора ц1ока малхехь къегара. Цуьнан кур лекха, мостаг1чунна дуьхьало ян кийча бара. Шех тешна дуйла хаьара цунна парг1ат дежаш долу и къона сеш. Цара шайн тхьамда хаьржинера иза массарел а майра а, хьекъале а ницкъ болуш а хиларх терра. Шен накъостийн а, шен доьзалан а, шена массарел хьоме хетачу оцу доьзалан ненан а маршо ларъеш лаьттара иза оцу хенахь. Кхечу сеша Кура Сай аьлла ц1е тиллинера цунна. Иза эрна а дацара. Цхьанна а хьалха корта охьа те1о 1емина бацара сай. Курра лаьттара иза лекхочу метте а х1оьттина, г1арол санна гондахьа б1аьрг бетташ.             

БЕРЗАЛОЙ — ОБАРГАШ               

Оццу хенахь царна герга кхочуш йоллура пхи борз. Уьш башха берзалой аьлла болх а бацара. Шо кхаьчна стохкалера к1езий дара-кх. Церан тхьамдас, къеначу б1аьрг баьллачу барзо даима а олура цаьрга:               
— Шаьш нагахь талла г1ахь а, сешна юххе ма г1ерталаш. Сан луьра мостаг1ий а ду уьш. XIapa б1аьрг а цара баьккхина бу. Цаьрца т1ом муха бан беза суна дика хаьа. Аса 1амор ду шуна.
Делахь а цуьнан кхарна хьалхаяьлла лела башха йиш а ца хуьлура. Паччахьо Лоьмо ша 1ачу хьехе д1агулйина цунна гонаха 1аш яра массо акхаройн тайпанийн тхьамданаш. Шена дуьхьало ян ницкъ ца хилийта, гергахь латтайора цо уьш, шена чу а х1иттийна. Ткъа къонанаш, шайн наноша а, баккхийчара а бохург тергал ца деш, аьрхаевлла юьйлаелла зама яра иза.
Лоьмо д1ахьединера, шена ца хууш, беакогара экха дийна а, диъна а меттиг тосалахь могуьйтур дац аьлла. Къайлаха х1ума лелор ду аьлча а бакъ дацара. Хьаннашкахь а, лаьмнашкахь те¬баш лелаш чанг1алкхаш яра. Хуьлуш дерг дададой лоьман лере д1акхачадора цара. Оцу тешамечу, массо х1уманах кхоьруш лелачу чанг1алкхех шен коьрта г1ортор а йина, мотт эладита а, питана а даржийна 1аш дара Лом. Синтеме дацара цхьанхьа а. Массо кхоь¬руш а, ладоьг1уш а лелара. Къеначу Барзана дика хаьара паччахьан гонаха долу хьал. Лоьман лерехь даима а зурма лоькхуш, доцуш ца терг хилла д1атарделлера Цхьогал. Цо-м, бакъдерг аьлча, ерриге а пачхьалкхана т1ехь куьйгалла дора ала а мегар дара. Лоьмо шен г1уллакхаш дукха хьолахь Цхьогална т1едохкура.
Чанг1алкхех лаьтташ болу шен б1о а Цхьогале д1абеллера цо.
Цул совнаха, къеначу Барзана хаьара, шега мел хаза къамел Цхьогало дахь а, иза, шен аьтто баьллачохь, тешнабехк бийр болуш дуйла.
Эрна дацара Барзо шен к1орнешка бохург, ларло, шайга  аьлларг де, бохуш.
Амма цуьнан доьзалера уггаре а жимах йолу Аьрханиг кхеташ яцара шега бохучух. Х1уьттаренна боху моьттура цунна иза. Цунна цкъа а ца гинера паччахь. Лом буьрса а, къиза а ду аларх х1ун ду а ца хаьара. Пачхьалкхан г1иллакхаш, лелон дезарг а т1еэца а, кхочуш дан а ца лаьара.
Шена луъург дийр ду ша бохуш, дозаллаш дора цо. Кхуьнан хенара важа йиъ борз кхунах 1ехаелла, кхо лелорг цхьа дош ду моьттуш, шайн наноша бохург тергал а ца деш, кхуьнций акхаелира. Иштта х1орш лелаш к1ира кхочуш доллура. Мацалло дарйина йог1учу кхарна дагах гилгаш дохуш хьожа кхийтира. Болар лахдина, тата ца дан г1ерташ, тебна ирзо долчу aг1op д1аг1оьртира х1орш.
Шайна гена йоццуш тебаш т1аьхьа йог1у чанг1алкх а кхарна ган а ца гора. Оццу хенахь-м кхарна дежаш долу сеш бен дуьненчохь гуш х1ума дацара. Сейн хьацаран хьожано яхийна мера1уьргаш а юсийна, шаьш лаьттачохь тебна юлаелира берзалой.
Гу т1ехь лаьтта Кура Сай а ца гора царна.
Цхьабосса чу кхиссаелира берзалой. Д1алилхира сеш. Чухьаьдира шен ира генаш долу кур дуьхьал а тесна Кура Сай. Тентакьяьлла юхакхоссаелира цхьа борз. Шен  ма1а  1оттаеллачу каетташ, цхьана меттехь хьаьвзира иза.
Цхьана меттехь гулделла. кегийнаш юккьехь а ДОЛУШ б1аьргаш къерзош, дехьаш лаьттара кхераделла сеш.
Г1ийла 1аьхна д1атийра Аьрхачо лаг хадийна цхьа къона сай. Цунна т1е гулъеллера йиъ борз.
Чухьаьдира Кура Сай мостаг1ашна, амма т1ом ка ер йолуш бацара. Кхо шинна-кхаанна кур тоьхнехь а, цара цкъа-шозза кхунна а ка туьйхира.
Юхабала дийзира накъост битина. Д1адахара сеш.

ЧАНГ1АЛКХАШ

Сихачу боларца д1ахьаьдира коьллаш юккъехь дерриг а гина иолу чанг1алкх.
— Соьца цкъа а меца лелар яц шу. Т1ехила, — элира Аьрхачо, бетах мотт а хьоькхуш.
— Схьайоьл, ц1ийза а ца ц1ийзаш, схьакхайкхира цо чов хил-лачуьнга. Дерриг а дицделла, сех церг етташ х1орш йохкуш, т1е чанг1алкхаш ялош, схьакхечира чанг1алкхийн Эла.
Кхолха го бина т1ееттаеллачу цара схьалаьцна йихкира бер¬залой.
— Х1ун до вай кхарна? — хаьттара цхьаммо.
—  Сен цхьацца ког бага а боьллина юьтур ю-кх. Дукха ца 1аш садер ду. Вайн пачхьалкхехь уьш парг1атъяха    яьхьнарг    майра х1ума хила еза. Иштта ду Лоьман омра.    Бага бохка  когаш! — элира Элано.
Чухьаьддачу чанг1алкхаша баьхьна цхьацца ког бага боьллира йихкина 1охкучу берзалошна,
—  Кхунна    х1ун    до    вай? — пхоьалг1ачунна    т1е    хьажийра цхьаммо.   Иза   Аьрханиг   яра.
—  Кхунна, схьадаккхий,    шен    ц1ога    бага    долла,    хьа-хьа-хьа, — маьттаза елакъежира Эла.
И   омра   а   кхочушдира   вукхара.
—  И къопа сай, цхьа ц1ий т1адам охьа ца бужуьйтуш, Лом долчу д1ахьо, — аьлла, хьалхаелира коьрта    чанг1алкх.    Сай    а эцна,   паччахьан   хьехе  д1атилира  уьш.
Хьуьнан хотерчу лекхачу бердах яьккхина хьех яра. Цу чохь шен йоккхачу, т1е гезарийн ц1оканаш тесначу паччахьан терхи т1ехь парг1атдаьлла бетах мотт хьоькхуш lapa Лом.
Цунна хьалхахь ц1енкъа а хевшина, цуьнан бага хьоьжуш 1apa Цхьогал, Ц1окъ, Б1аьргбаьлларг, Ча, чанг1алкхийн Эла.
—  Хьан Сийлалла, муха    хийти    хьуна    жижиг? — хаьттира Цхьогало, цергех дуьйлучу хих къурд а беш.
—  Дика хийтира, —  жимма  1ийна дистхилира Лом. Хаалора иза тахана мелла а хьасене хилар. Къамел дан карх    а    долура цуьнан. Х1ун сингаттам, х1ун бала бара цуьнгахь?    X1apa,    цкъа делахь, уггаре хьалха, иза коьртаниг а дара, дуьзнера. Ша 1уьллучохь хаалора цунна х1инца ша диъначу сен жижиго ницкъ алсамбохуш, ц1ий лела пхенаш дусош, дагна гилгаш дохуш, дег1аца массо межене кхочуш лаьттара сов ницкъ. Шена юххехь, ша сан-на юза а юьзна, наггахь ц1ога а ластош 1уьллучу    стечу    Лоьме б1аьрг тоьхча-м кхуьнан мелла а ловза дог а дог1ура. Жимма шен лацаелла меженаш меттах а йохуш кхоссадала лаьара.    Делахь а, ша паччахь хилар, массо а экха   шен   бага хьежар   а   дага а дог1ий, 1адда1ара иза.
Пачхьалкхехь а тийна дара. Мелла а кхунна сингаттам лат-тийна Аьрханиг тешамечу чанг1алкхаша д1аяьккхинера тахана. Харцахьа лелаш х1умаъ яцара. Массо а шен-шен г1уллакх деш, кхунна ижу лохуш, вовшашна ала х1ума лохуш, шай-шай кхунна хьалха изъяла г1ерташ лелара,
Ткъа кхунна-х хаьарий уьш х1ун ю. — Леш ю. Леш.
—   Борз!   —  дистхилира   Лом.
—  Ладуг1уш ю, Хьан Сийлалла! — хьалаиккхира Б1аьргбаьлларг.
—  Хьан к1орнино лелийначунна гечдо ас. Хьан бехк болуш xlyма доцийла хаьа суна. Амма xlopa дийнахь иштта цхьацца къона сай хуьлуьйтур бу ахь х1окху сан шуьнехь. Нагахь хьайна х1окху шуьна   чу   нисъяла  ца  лаахь.
—  Кхийтира, Хьан Сийлалла! — гора х1оьттира борз
—  Иштта дика хир ду. Яа шайна! — Ког тоьхна, шех    йисна даь1ахкаш царна хьалха чу кхийсира Лоьмо.   Вовшашна каетташ, ц1ийзаш, г1аг1деш даь1ахкашна т1екхийтира акхарой.
—  Хьа-хьа-хьа! Хьажахь цаьрга. Тпу, наь1алт шу мецачу х1умнашна! Яхийта кхузара! Суна наб йог1у, — аьлла, aг1opделира Лом.
Шайна кхаьчна йолу цхьацца даь1ахк а ядийна, аралилхира акхарой.

САЦАМ

...Оцу хенахь генарчу ирзу т1ехь гулделлера г1айри т1ера дерриге а сейх тоьлла тхьамданаш. Кхеттачу беттасехь дика къаьстара гу т1е а баьлла къамел деш болу Кура Сай. Цо бохура:
—  Дика садиттина вай. Тоьур. Дерриш а цхьабосса г1овтта де¬за Лоьман олалла дохон. Ас дукха ойла йина вайн дахаран.   Барт боцуш ду вай. Массо а шен-шен ц1ок1а ядийна хьийза. Ткъа Лоьмо а, цьунан ц1уьх1арша а вай х1аллакдеш лаьтта.
— Х1ун дича бакъахь хета хьуна? — хаьттира юккъера цхьамо.
—  И къасто гулделла-кх вай, — элира   Курачу Сайно. — Вайн сеш хьийзийна ца 1а  чангалкхаш а,    берзалой а.    Гезарий, хьакхарчий, д1аманаш, пхьагалш — дукха ю уьш. Амма    вайчул доьналла долущ а дуьхьало ялур а    яц, ша    хьакхарчий    яцахь. Х1етте а уьш ерриш а вовшахтоха еза.   Цхьанакхетта.   цхьабосса т1ом боло, беза Лоьмаца а,  цуьнан хьадалчашца а. — Эхь дац иза. Цхьа    Лом    а,    цхьогал    а,    б1е    чанг1алкх    ю-кх      вай      дууш лаьтташ.
—  Лоьмаца муха ларор ду? — шекьбелира цхьа Сай.
—  Ларор бац хьо я со   цхьацца   вай   дуьхьал   довларх.   Цхьа¬босса массо а г1овттар ду дуьйцург. Эзар ма1а г1аьттича кхераме дац  цхьа   а  Лом!
—   Бакъ  лоь!
—  Нийса ду!
—   Г1овтта  деза!  —   маьхьарий  девлира.
—Делахь х1ета... Кегий эсий а, къенанаш а, стен сеш а 1аьржачу ч1оже д1агулде кхана. Царна гонах дика ха а х1оттаде. Мас¬со а акхарошка кхайкха. Таханлера вайн сацам царна ца хоуьйтуш. Буьйса юккъе йоьдучу хенахь х1окху ирзу т1ехь кийча а хила ала массо ма1а йолчу, к1омсар йолчу экхане. Оцу д1огарчу лекхачу дукъа т1е а лаьхкина, буьрсачу х1орда чу кхуьйсур вай х1инцалца вайн ц1ий мийлинарш. Кийча дуй шу?
-  ДУ!
-  Ду!
И дерриг а къамел хезаш лаьттара б1е чанг1алкх. Ирзу т1ера д1адоьлху некъаш лардеш дара цара. Амма т1елата даьхьийла яцара. Цул совнаха, Цхьогало аьллера, дика ла а дог1ий, уьш д1асакъаьстинчул т1аьхьа Кура Сай схьалаца аьлла.
—  Делахь х1ета, х1инца чехкачу боларца массо д1асадаржа.— Жимма ладуг1уш сецира Кура Сай. Хезаш г1ap-тата а яцара. Мох а бацара. Амма оцу тийналлина реза ца хилира    иза. — Хьанна хаьа, — элира цо. — И хан т1екхачале сох цхьаъ 1отталахь, Ц1ечу дукъ т1ера сай бу шуна дерриг а дан дезарг хууш. Цо аьлларг де аша. Некъ дика хуьлда шун. Д1аг1о.
Цхьацца   а,   шишша   а   д1асадахара   сеш.
—  Тхо саций хьоьца? — аьлла т1е беара кхо сай.
—  Хьашт дац. Шу цигахь оьшуш ду, сихо е. Ца лууш кортош а ластийна, д1абахара кхо сай.

КУРА САЙ

Г1еххьа хан елира. Кура Сай шен тоба йолчу aг1op д1аболабелира. Мичара евлла ца хууш, кхолха го бина д1ах1иттира мокха чанг1алкхаш. Кхийтира Сай, царах ша тасалахь а, ша царех цхьа дакьа х1аллакдахь а, цара ша эшориг хиларх. Хирг хир ду-кх, аьлла, — Мича доьлху вай? — хаьттира цо.
—  1овдал-м хьаха бац, — элира коьртачу чанг1алкхо. — Хьалхабала. Лоьмана дуьхьал xloттop бу оха хьо. И ган сатуьйсуш бу аьлла хета тхуна хьо.
***
Сарахь шен рицкъа лоьхуш лелачу цхьана бирдолагна гира и сурт. Массанхьа а хаийта деза ша аьлла, д1аиккхира иза.
***
Г1еххьа набаран тар озийна   1уьллучу Лоьмана хезира хьехан бертехь евлла г1овг1анаш.
—  Х1ун ю цигахь? — реза доцуш дийкира Лоьман аз.   Тебна чоьхьаелира Б1аьргбаьлларг.
—   Хьан Сийлалла!
—  Доцца ала!
—  Чанг1алкхийн арданго сай балийна.
—  Балийча доккха х1ума ду, сай? — бага   озийра   Лоьмо. — Тахана со дуьзна. Эцца цхьана хьеха чу болла, хьалха буц а тасий.
—  Хьан Сийлалла!
—  XIан?
—  И иштта сай бац боху цара, — юха а йистхилира борз.
—  Сай ишттий-вуьшттий ца хуьлу. Къамел ма де, — т1ечевхира Лом.
—  Хьан Сийлалла! — гора йоьжпа    1уьллучуьра   Барзо кopтa юха а хьалаайира. — Доьху ас ладог1ар. Цара балийнарг    Кура Сай бу.
—  Х1ан? — б1аьргаш    горгдина,    лергаш    ирдина    Лоьмо, — х1ун сай?
— Кура Сай.
—  Сай кура муха хуьлу? Цунна хьан бакъо елла кура хила? Х1окху лаьтта т1ехь кура хила йиш йолуш хуун ю, со — Лом доцург?
—  Хьан Сийлалла, тховса ирзу т1ехь массо а тоьлла сай гулбина, цара шайн тхьамда хаьржина, хьан олалла дожо барт бина боху цара. Сан чанг1алкхийн арданго лаьцна балийна иза.
Чоьхьа даьллачу, кхеран г1овг1ано сама а    даьккхина    дедда деанчу Цхьогална хезнера Берзан т1аьххьара дешнаш.
—  Хьовсийша цо дуьйцург, — аьлла юкъакхоссаделира Цхьогал. — Хьан Сийлалла, аса дина г1уллакх шена дерзо г1ертa хьуна и эхь доцург. Ас...
 Лом реза доцуш хьоьжура шингге а. Цунна хаьара Цхьогал бакъ лоьйла. 1овдалчу Барзана дагадог1ур а дацара и саннарг. Делахь а, Цхьогал юьстахдаьллачуьра Барзо ша











охьата1ийна латтийна Борз жимма хьала а ойуш, г1еххьа т1ехдала герга дахана мекарниг охьа а та1ош, х1ума дан ойла хилира Лоьман.
—  Борз! Яло айхьа лаьцна    Сай    чубалабе, — элира    Лоьмо, Цхьогало дуйцучух ша ца кхетта кеп а х1оттош. Гондахьа яьлла ялх чанг1алкх а йолуш, чубалийра Сай. Чанг1алкхаш гора ийгира, Лоьмах б1аьрг кхетташехь. Сай шек а боцуш лаьтташ бара.
—  Гора х1отта   Цуьнан   Сийлаллина   хьалха,   гора   х1отта! — аьлла т1ечевхира Б1аьргбаьлларг.
—  Голаш сетташ яц сан, — жоп делира Сено жимма 1ийна.
— Х1ан? — аьлла ша 1аччохь   меттаххьайра Лом. — Голаш-м оха саттор ю хьан. Бакъ дуй Барзо бохург?
—  Ца хаьа, — бистхилира Сай, Лом тергал а ца деш.
—  Ой, хьо бу ма боху кхо сан олалла    дожо г1ерташ.    XIapa дуьне долийчахьана дуьйна схьадог1уш долу олалла.
—  Дожор ду, — ондда элира Сено.
—  Муха? — Ша 1аччохь к1егар хиъна, Сен б1аьргаш чу хьажа г1epтapa Лом. — Дийцахь, муха дожор ду?   Х1инца, — ге т1е ког хьаькхира Лоьмо, — шух цхьаъ биъна ма даьлла со, сан ворх1е а дас хьан ворх1е а дай ма биъна.
—  Уьш 1овдал хиларна биъна, — элира Сено.
—  Хьо царал кхеташ бу? Д1абаккха, д1абига кхана, мац а делла, дар а делла, барт ца хоттуш, дан дезарг дийр ду кхунах. Яхийта кхузара. Маржа я1! Жимма меца муххале а делара со. Логах чоьхьа ер яц х1уммаъ, кханале хьох хьожа кхетар ю. 1уьйранна, 1уьйранна... Суна х1уъу а хаахь а, хьуна-м кхин х1ума хаарна ца кхоь-ру со. Ас айса сайн цергашца лаг хадош-м хуур ду хьуна кхана, — т1етуьйхира Лоьмо.
—  Массо а сай, массо а акхарой х1аллакьялур яц   хьоьга    а, х1окху хьан лешка а. Духур ду хьан олалла. Ас ца   дохадахь    а, т1екхуьучу сан т1аьхьено, парг1атехь лелачу сан накъосташа дохор ду. — ч1аг1дира Курачу Сено.
—  Сацийта! Арабаккха и! — Мохь туьйхира дарделлачу Лоьмо. Новкъахь лаьтта Цхьогал, ца хуучуха муьшка йина   
   юьстах а  кхуссуш, чанг1алкхашна т1аьххьий араелира борз.
—  Хьан Сийлалла, — аьлла гора дуьйжира Цхьогал,
— Д1адала, тешам бац шух. Сан олалла дожо г1ерташ цхьаберш хьийзаш, мичхьа дара хьо?
—  Хьан Сийлалла, х1аллак ма дехьа, — дийхира Цхьогало, — со   карор  ду   хьуна   кхана.
—  Хьовсур вай. Хьовсур, д1адала хьалхара.
—  Со къанделла моьтту хир ду  кхарна. Бакъ  дац! — аьлла шен меттахь нисделла aг1op делира акхаройн паччахь.
Цхьогал Лоьмана шен ц1ога ца гойтуш араделира. Цуьнан мекара б1аьргаш сиха уьдура. Ша шена каеттара цо. Эхь дара и. Барзе 1ехаяйтар. Дита йиш йолуш г1уллакх а дацара тховсалераниг.
Бекхам! Бекхам! Муха доькхур ду шинне а? Барзана а, Лоь-мана а бекхам бан безара.
Дицделлера Лоьмана Цхьогало шена дина г1уллакх. Мацах хьалха ша кхунна арадаьлла уьдуш лелла хан йицъеллачух тера ду. Кхо, Цхьогало, динера Лоьмах паччахь. Кхо кхоьллинера и хьал шен х1иллий, Лоьман ницкъий вовшах а тоьхна.
Х1инца дуза а дуьзна, дерстина хьер а даьлла, шен тешаме накъост сийсаздар гечдан мегар дацара.
Бекхам!  Бекхам!  Муха?

БЕКХАМ

Цеххьана шена дагадеанчух цкъа ца тешаш сецира Цхьогал. Т1аьхьа-т1аьхьа ойла йина нийса карийра цунна дагадеанарг.
Х1уъу а дийцича а акхаройн ницкъ шорта бара, уьш х1инца оьг1азъяхана а, барт болуш а яра. Пачхьалкх йоха гергаяхар гуш дара. Кхана и Сай бехь, кхин а марса дер ду г1уллакх. Цара цхьаннах а къинхетам бийр бац.
—  Аса иштта   дан деза, — аьлла сацам   бира  Цхьогало.   Шен ц1ока хьоме яра цунна. — Д1ахеца беза Сай! Т1аккха дедда Лом долчу а дахна, Борз бехке ян еза. Лоьмо иза х1аллакйийр ю. Ткъа акхароша Лом а, чанг1алкхаш а х1аллакйийр ю. Суна х1ун дукха оьшу, баа дахка а, моша а суна карор ду. Д1абалийта вовшийн карах! Садала шун массеран! — бохуш, тебна Сай чохь болчу хьеха юххе г1оьртира Цхьогал. Ха деш яра ялх чанг1алкх.
—  Стенга яхана и Б1аьргбаьлларг? — хаьттира Цхьогало.
—  Шен г1отанехь ю, — элира цхьамма.
—  Же чехка иза а эций, К1айчу 1инчу г1о массо а,   цигахь сеш карзахдовла   г1ерта,   аьлла,   хаам   хилла.
—   Кхунна   х1ун   до  оха?
—  XIapa-м   цхьанхьа   a  г1yp   бацара.   Сихло.   Со   Лом   долчу доьду,  —  аьлла,   къайладелира   Цхьогал.
—  Ваьшка аьлларг дича йовлу вай, — олуш чанг1алкхаш д1аяхара.
Жимма 1ийна гучудаьллачу Цхьогало, г1уй д1а а баьккхина, схьайиллира хьех,
—  Аса хьо 1ожаллех к1елхьарабаккхар диц ма делахь, — аьл¬ла, арахийцира цо Сай, — Х1инца сихха къайлабала.
Сай ца кхеташ лаьттира жимма. Амма гондахьа цхьа a г1овг1а а ца хезча, Цхьогал а дедда къайладаьлча, х1аваъ чуузуш кийра а бузийна, хьожа а яьккхина, хьуьна юккъе д1атилира Сай.
***
Кура Сай чанг1алкхаша лаьцна д1абигна аьлла боху Бирдолаган хаам сиха баьржира махкахула. Буьйса юкъал т1ехъялале массанхьа а хууш дара иза. И хаам д1ахезначара, массо тобанашкара шишша-кхоккха экха д1ахьодура Ц1ечу дукъа т1е. Ци¬гахь лекхачу тарха к1елахь, шерачу майданахь гулделлера массо а дийнаташ.
Кхузахь дара лекха карраш лестош лаьтта сеш, хур-хур деш орамех туьйсуш къомсарш иръеш хьакхарчий, шайн коьртехь сиръелла кхес иолу 1аьржа Нал а йолуш. Кхузахь дара дерстина д1аманаш, стешха пхьагалаш. Кхузахь дара ломан уьстаг1ий, аренийн гезарий. Йоккха аре д1алаьцна гулъеллера тоба. Лерина хьоьжура уьш лекхачу тарха т1ехь лаьттачу Сега.
Эзар беттан сурт лепара церан б1аьргаш чохь. Сема дара церан лергаш. Тийналла х1оьттира арахь. Бистхилира тарха т1ехь лаьт¬та Сай. — Вежарий! — элира цо. — Вай йиллинарг кханалера буьйса яра. Амма лаьцна д1абигна Кура Сай. Тховса и к1елхьара ца баьккхича йиш яц вайн. Xlopa тайпана юккъера цхьацца чехка д1аг1о. Кегийнаш, г1ийланаш, дийцина ма-хиллара, 1аьржачу Ч1оже д1агулбе. Уьш ларбеш ха х1оттон а деза.
Xlopa тайпанна юккъера схьакьаьстира цхьацца т1ахъаьлларг. Д1асахьаьвдира уьш шайн-шайн меттамотт болчу.
—  Ткъа вай х1инца Лоьман хьех    долчу т1елата деза. Кийча дуй шу 1ожаллина дуьхьала х1итта?
- Кийча ду!
- Кийча ду! - маьхьарий   девлира.
 - Дуьйлало!— аьлла, хьалхабелира Ц1ечу дукъара Сай.

ТОЛАМ

Шен ма1аш т1е а х1иъна некъ гойтуш Бирдолаг а долуш, 1аьржачу Ч1оже йоьду, некъан лар юьхьарлаьцна сихбелла бог1ура Кура Сай. Цунна хаьара, ша чанг1алкхийн карабахар массанхьа а даьржинийла. И хиъначул т1аьхьа акхарой ша парг1атбаккха г1овттур юйла а хаьара цунна. XIapa кхоьрург кхин дара. XIapa кхоьрура, шаьш галморзахдовларна. Цул совнаха, ша парг1атбаккхар бен, кхин 1алашо йоцуш уьш т1елатахь, ша цигахь кара а ца бахь, уьш боьхна хьовзарна а кхоьрура х1apa. Т1аккха дерриг до¬ха тарлуш дара.
Бирдолаго, хьалха а даьлла, кхуьнан накьостий а гина, юха деана т1ебоьду нийса некъ хьоьхуш бог1ypa Сай.
Дан дезарг кхунна х1инца шера гора. Дуьхьал дог1уш бергийн тата а хааделла, сецира Кура Сай.
—  Совца! — аьлла боцца мохь туьйхира кхо  ,  аре   д1алаьцна бог1у   б1o  т1е  кхаьчча.
—  Кура Сай!
—  Кура Сай! — аьлла маьхьарий а девлира.
—  Вежарий! — элира кхо. — Баркалла шуна суна орцах  довларна. Тховса вай оццул вовшахкхетта дика ду. Кханалерачу буca вай г1овтту бохуш, парг1атбевлла вайн мостаг1ий.    Хан    кхаьчна. Тховса чекхдаккха деза долийна г1уллакх.
—  Дуьйлало! — аьлла хьалхабелира ши Сай, тешаме ши доттаг1, хьекъале  ши   баьчча.

* * *

 Паччахьан хьехан лекха чоь екош хар дора Лоьмо. Дашо кхес а яржийна 1уьллург самадаккха ца х1уттуш деxxa лаьттира Цхьогал. Амма кхин хьем бойла яцара. Шена ц1ока езахь, самадаккха дезара Лом, кхечара иза дале хьалха.
—  Хьан Сийлалла!
Мерах шок  етташ   1уьллу  важа-м.
—  Хьан Сийлалла! Самадала. Тешнабехк! Ямартло! Ямартло!
—  X1a-a-н?  Х1ун юьйцу цо? — цхьа б1аьрг   схьабиллира Лоь¬мо.
—  Йоккха юьхь1аьржо ю, Хьан Сийлалла. Ахьа лерина лелийначу хьан Барзо, оцу б1аьргбаьллачу тентако д1ахецна хьан уггaре а луьра мостаг1 Кура Сай. Д1абахна, хьан уггаре а луьра мостаг1 Кура Сай. Д1абахна, Хьан Сийлалла. Ах1и-ах1и-ах1и, — деалара а дижна, делха доладелира Цхьогал.
—  Х1а-а-а? — пенаш декош 1аьхира    Лоьман    буьрса    аз.
Кхераделла Цхьогал ц1енкъах д1аийнера кортий,    ц1огий бен   ца хаалуш.
—  Мичахь  ю   и?   Схьалаций   ялае  кхуз!.
—  Х1инцца, х1инцца! — бохуш, араиккхира Цхьогал. 
 Лоьман озо самаяьхна д1асауьдура чанг1алкхаш.
 — Аса айса садоккхур ду цуьнан, — аьлла, араиккхира Лом. Цунна т1аьххье д1ахьаьдира Цхьогал а, чанг1алкхаш а. Берзан 1уьрга чу лилхира чанг1алкхаш. Г1овг1а елира цу чохь, Чанг1алкхех кескаш еш араиккхина Борз, йог1уш лаьтташехь, Лоьман кара яхара. Кхин барт хаттар доцуш лаг лаьцна, хьакхийна, аьтта д1аяьккхира Лоьмо шена тешаме хилларг.
Оцу г1овг1ано ца хазийтира царна шайна т1екхаьчна кхерам. Ц1еххьана гонаха д1асахьаьжначу Лоьмана гира эзар ма1а, эзар к1омсар. Пен санна т1ебог1уш бара б1о. Д1алилхира чанг1алкхаш, берзалой, Цхьогал.
—  К1иллош! — аьлла мохь тоьхна чукхоссаделира    дарделла Лом. Ирачу ма1ашна т1едуьйжира иза. Кит    санна   ловзаделира ма1аш т1ехь. Юха цхьа вон лаьттах кхийтира. Эзарнаш    бергаш т1ехлилхира   иза  хьаьшна   лаьттах  д1аэдеш.
Дуьйжира Лоьман олалла. Лаьхкира г1аьттинчу б1оно Лоьман ц1уьх1арш, лачкъа меттиг ца буьтуш.
1инчу иккхинарг хьакхарчаша эккхош, 1уьрга йоьлларг д1аманаша хьалайохуш, ломан тархашка лечкъинарг акхачу койша чу кхуссуш. Шерачу араяьлларг Сейн ма1аша а, бергаша а х1аллакьеш.
Яьлча а, йоьлча а ца юьтуш, лаьхкина лекхачу берда т1е яьхна, буьрсачу х1орда чу кхийсира акхароша шайн ц1ий мийлина къиза арданг.
Оцу буса майраллица леташ ийгира дуккха а сеш а, хьакхарчий а, д1аманаш а, гезарий а. Шайн 1ожаллица т1аьхьайисинчарна парг1ато яьккхира цара.


УН

Амма юьхьанца хала дара. Йоьхний, яьржиний лелачу акха-рошна юкъах, мичара дели ца хууш, ун иккхира.
Лелаш лаьтташехь охьаэгаш леш дара сеш а, хьакхарчий а, кхийолу акхарой а. Оцу ца девзачу лазарна дуьхьал дарба лохуш арадаьллера массо а экха.
Дехкийн тайпанара долу бирдолагаш а ца дисира лазар хьа-кхадаланза.
—  Вай х1аллакьхуьлуш лаьтта, — аьллера церан    тхьамдано. Вайн т1емаш ду. Х1аваэ девлла,   дитташ т1ехь,   лекхачу   тархаш т1ехь олхазаршна юккъехь совца деза вай.   Лаьттара   ун д1адерз-залц. Вай олхазарш ду    х1инцачул    т1аьхьа.    Г1овтта! — аьлла г1аьттира  бирдолагийн  тхьамда. Олхазарийн пачхьалкхехь    даха хевшира уьш.
Олхазарш уьш доцийла-м хаьара массарна а, х1етте т1ехьаьжча а уьш дукха декъаза х1уманаш йолу дела, башха тергал а ца еш йитира олхазарийн паччахьо Аьрзуно, шега царах лаьцна хаам бича. Лаьттахь долу хьал а цунна дика гуш дара.
Омра динера Аьрзуно: цхьана а олхазарна мацалла леш хилахь а, еллачу экханах з1ок тоха мегар дац, аьлла.
Ткъа акхарой шайн бала токхуш яра. Г1айренан тхьамда хаьр-жинера Кура Сай. Берриге а бала a, г1айг1a а шена т1еийзош, наб ца еш, буззалц х1ума ца юуш, ойлаеш хьийзара иза. Массо а маь1-1ехь хуьлуш дерг сихонца кхунна т1е схьакхачадора. Дагабуьйлу-ра кхунах. Шен дан доцчу г1онна холчах1оьттина лаьттачу кхунна хезира цхьамма олуш:
—  Дехкан лерг олуш цхьа буц ю боху. Цунах дарба хила мегара массарна а.
—     Хьан  элира  иза?  —  хаьттира  Сено.
—  Тхан дедас олуш хезна-кх суна, — жоп делира Пхьагало.
—  Мичахь  ю  и   буц?
—  К1оргачу 1инчохь хуьлу боху иза. Цига кхачалуш экха дац цхьа Бирдолаг доцург.
—  Схьакхайкхийша Бирдолаге, чехка кхайкхийша! — дийхира Сено.
—  Дац бирдолагаш, — жоп делира Пхьагало.
—  Х1ун хилла царна? Дерриг  а х1аллакьхилла уьш? — кхера-белира Сай.
—  Царна х1уммаъ ца хилла. Шаьш акхарой яц, олхазарш   ду шаьш, аьлла, лаьтта охьа ца дуьссуш лелаш ду уьш.
—  И муха мегар ду? — цецбелира Сай. — Буц каро еза! Х1уъу а  дина   а   каро  еза.
—  Со хьожур ду, — элира Маймало, — таьллингех   беха муш а бина, К1оргачу  1инчу дуссур ду.   Цу чохь   елахь   и буц   а йохьур аса.
—  Же чехкка лелалаш, — аьлла, д1ахьаьвдира акхарой К1оргачу 1ина йистте. Чу хьаьжча халла бен ца гора 1инан бух. Т1улгаш т1ехула ловзуш дог1учу хин г1овг1а а ца хезара    халла    бен. Сийна бай болуш хаза тог1е яра гуш ерг. Амма цхьана а тайпана экха дацара цу чохь дехаш. Делкъа хенахь а маьлхан   з1аьнарш халла   бен   ца   кхочура   1инан   буха.
Чуюссуш цхьана а тайпана некъан лар а   яцара.    Пен   санна лаьтташ  тархаш   бен  х1ума  дацара   гонаха.
  Акхароша, таьллингех хьерча а  беш, муш бан болийра. Бердах     чухийцира   цара   цуьнан   юьхьиг.                >
— Са ма   гатделаш, — аьлла,   цхьана   куьйга муш   а лаьцна, чудедира Маймал.
—  Ларлолахь, — мохь туьйхира т1ехь бисинчарах цхьамма. Буха кхаччалц охьа бахийтинчул т1аьхьа юьхьиг гена йоццуш
лаьттачу  баганан стоммачу дечигах д1ахьарчийна, ладуг1уш сев-цира акхарой.
Дукха хан ялале, бецан ц1ов а бохьуш, гучуделира Маймал.
—  Массо а акхарошна цхьацца хелиг    кхочуьйтуш    д1асаекъа xlapa. Ac кхин а йохьур ю, — аьлла, юха чудоьссира Маймал.
Оцу тамашийначу бецах дарба хилла, лазарх    к1елхьараевлира акхарой.

* * *

Амма оццу хенахь, Аьрзун омра дохош, цхьана къорзачу Къийго ун кхетта еллачу хьакхийн жижигах з1ок тоьхна хиллера. Цул т1аьхьа 1аьржа ун даьржира олхазарашна юкъахь. Т1омадаьлла доьдучохь охьадужуш леш лаьттара уьш.
Кхераделла   хьаьвзира   бирдолагаш.
—  Вай х1аллакьхир ду олхазарашна    юккъехь    1ахь.    Лаьтта т1ехь ун д1адаьлла боху. Ткъа вай х1уъу а дийцича а, дехкех схьа-девлла а долуш, беакогара акхарой ду. Охьадисса    деза    вай, — элира   бирдолагийн   тхьамдано.
Юха а лаьтта охьадисса а дуьйладелира бирдолагаш, ун деана олхазарш а дитина.
Акхарошна стенах дарба хилла техьа аьлла дагадеанчу Аьрзуно схьакхайкхина хиллера Бирдолаге. Амма бирдолагаш юха шаьш акхарой ду аьлла лаьтта диссина элира цуьнга кхайкха даханчу Лечано.
—  И х1ун къамел ду? — оьг1аздахара Аьрзу. — Шайна дага-деанарг хуьлуш хуьлу садолчу х1уманех? Уьш   я экха   а   дац,   я олхазарш   а  дац.
—  Нийса   боху,  —   элира  Лечано.
—  Х1инца муха девзар ду вайна акхарошна карийна дарба? г1айг1ане   хаьттира   Аьрзуно.
Лекхачу кхура буьххьерчу декъачу гаьн т1ехь lapa иза.
Генаш юккъехь кхораш дууш доллучу Маймална хезира церан къамел. Цунна, ша дитташ т1ехула леларе терра, г1еххьа олхазарийн мотт а хаьара.
—  Ас хьоьхур ду шуна дан дезарг, — элира Маймало.
—  Алахь, Маймал! — Дийхира    Аьрзуно. — Х1аллакьхуьлуш лаьтта-кх  тхо.
—  K1opгa 1инчу дисса дерриге а. Цигахь ю шуна дехкан лерг олуш йолу буц. Цхьацца хелиг кхаьллича тоьур ду шуна, — элира Маймало.
—  Баркалла хьуна, Маймал! Оха цкъа а дицдийр дай, ахь ди¬на г1уллакх. Же, Леча, сихлолахь, кхайкхалахь массо а   олхазарашка,  —  г1аьттира  Льрзу.
Шайн т1емаш хиларе терра, цамгар кхетаза дерг ша чудуссуш, цомгашчунна могуш долчо з1акарахь буц йохьуш дарба лелийна, к1елхьарадевлира олхазарш а.

БУЬЙСАНАН КИЙРАХЬ

Ткъа бирдолагаш лаьттахула шекдоцуш дуьйладеллера. Шайна дагадеъча т1ема довлуш, охьаховшуш лелаш дара уьш, Майма¬ло коьртах даххалц. Цо уьш хьийзон долийра.
—  Хьовсийша х1окхаьрга, х1орш х1ун ю хаьий шуна? — бохуш хичаш еш лоьхкура цо уьш. — Тхоьга ун деъча, шаьш олхазарш ду аьлла, т1ема девлла хьийзина шу, охьа х1унда диссина? Яхийта кхузара.

* * *

Акхарой гулъелира гуьйренан зовкхан де даздан.
—  Сай, — элира цигахь Маймало  — Тахана   вайна   юккъехь акхарой ю шаьш бохуш лелащ ю цхьа х1умнаш. Вайга   ун деъча, шаьш олхазарш ю, аьлла, евдда хилла. Уьш лаьхкича нийса   хета суна.
—  Цхьана хенахь т1ахъаьлла а дика накъост    хиллера    суна Бирдолагах.   Суна некъ гойтуш лелла а,   орца дохуш лелла а, де-лахь а цаьргара яьлларг йоккха ледарло ю. Амма сан йиш яц церан кхел ян. Аша аьлларг хир ду-кх.
—  Гечдойла яц!
—  Тешам бац царех!
— Шайн  са дадийна  лелла уьш!
—  Лахка  еза  вайна  юкъара!
—  Олхазаршна юккъе д1аяхийта!
—  Яхийта! — бохуш маьхьарий девлира массо а маь11ера. Акхароша шайна юккъера лаьхкина бирдолагаш    юха    олха-
заршна   юкъадаха  дагахь  г1евттира.
Амма олхазарша а лаьхкира уьш. Шакарш етташ, з1акарш етташ.
—  Х1окху маьлхан дуьненахь меттиг ма   бита царна — омра дира Аьрзуно.
—  Къайладовла  буьйсанан  кийрахь!
Массо а экха, олхазар д1атийначул т1аьхьа бен арадала йиш йоцуш, малх ган йиш йоцуш, дисира бирдолагаш. Б1е эзар шо хьалха хилла бохуш дуьйцуш хезна-кх суна, жима к1орни, и х1ума, — чекхдаьккхира шен къамел Бух1ано. — Гой хьуна, луьйш-олуш буьйса а чекхъели, малхбале а ц1ийелла йог1у. Кеста гучубер бу дашо малх. Амма, хьан йиш яц и ган, цуьнан йовхонах, серлонах пайдаэца. Хьо Бирдолаг ду, — аьлла, т1етуьйхира Бух1ано.
—  Сан х1ун бехк бу? — хаьттира   Бирдолаго. — Б1е   эзар   шо хьалха  цхьана  бирдолагашкара  ледарло    яьллера    бохуш,    сан х1ун бехк бу? Хьо йоцчунна цхьанне а дагадог1уш я хууш а дац б1е эзар шо хьалха хилларг. Цул т1аьхьа дуьне хийца ца делла?
—  Дуьне хийцаделла. Амма малх х1етахьлераниг бу, акхарой а х1етахьлераниш ю. Церан амалш хийца ца елла.
—  Суна бакъ ца хета иза. Со ца теша   хьох.    Со   хьожур   ду Малхе,   со  дехар   ду  дийнахь!
—  Эх1, ма элира ахь, — ца яшарца корта хьовзийра Бух1ано.
—  Хьашт доцург а ца дуьйцуш 1ад1е, — элира Бабас а.
—  Д1адижа   кечлол,  —   т1ечевхира  дада.
—  Со дала хьан, — аьлла т1ехьаьрчира нана. — Кхана    1уьй-ранна цхьаъ дийр ду вай, х1инца д1адижахь, нанин    хьо   дика    а дай. Малх а схьакхетта, арахь ч1ог1а сирла ю. Д1адижа.
Малх схьакхеттачух тера а дара. Т1емаш а тоьхна кхокхий ара-девлла а дикка хан яьллера. Церан бенара к1орнеш а йоккха г1овг1a яьккхина йохкура. Арахь бежнаш, уьстаг1ий 1оьхуш а, ж1алеш леташ а хезара. Тхов к1елахь ч1ог1а сирла а, йовха а яра.
Бух1анан дийцаре ладоьг1уш 1ийначу Бирдолагна наб йогура, амма кхунна хаьара, ша х1инца д1адижча, юха малх къайлабаьлчий бен ша самадер доцийла. Ткъа малх ган кхунна мел ч1ог1a лаьара аьлча, иза дийца а лур дац.
Иштта шена ган мегар бац бохуш болу и Малх муха бу, и х1ун ю хьажа лууш сак1амделла долу Бирдолаг, баккхийчарна жимма наб а озаяйтина, шен дег1ерчу а, т1емашкарчу а г1оране ла а доьг1на, ша 1аччуьра кхоссаделла, шен шуьйра т1емаш xlaвaax дузуш, дуьххьара тхов к1елхьара араделира