***

Абу Исмаилов
Яздархочун архивера
Абу Исмаилов


Нускал


Шен  къоначу нускалх воккхавийна а ца волура  Мустапа.
Божалехь мацаллий, хьогаллий 1оьхуш  етт белахь а, х1уммаъ дац.
Арахь делкъахан хиллехь мегар ду.
Мерзачу набаран йийсарехь йолу шен хьоме Жанетта меттахьайийр йолуш вацара иза.
Шен 1аьржа к1озарш назбар т1ехула д1асаяржийна, шен и хаза горга бат а йина, цхьа хаза набъеш долу и масмалик набарха а даьккхина шех къа муха латор ду, бохуш, когабуьхьара а хьуттуш, тата ца дан г1ерташ, цициган боларца юххехула т1ехволура иза, наггахь туй а кхуссуш.
Жанеттина б1аьрг хиларна кхоьрура Мустапа…
…Ден–ненан цхьаъ бен а йоцуш коча 1амийно йолу Жанетта–м, кхо муьшка йича а, меттахъяла дагахь а яцара. Иштта хьалхе, делкъахан а хиллале, г1итта ца 1емийнера цунна. Кхуьнан набарца йолу уьйраш ца хедорхьама, ишколе а делкъал т1аьхьа лелаш ма яра иза.Хала а атта а дешаран бала кочара а баьлла, х1инца шен лаамехь дара вай нускал.
Мустапа–м цхьана а чоьтехь а вацара.
…Жанеттина хезнера, маре яхча чохь а, кертахь цхьацца дезарш дан оьшу бохуш. Нуй хьакха а, етт оза а, аттана т1аьхьара кхо д1акхосса, хи т1ера мала хи дан а, юург кечъян а, мардега а, марнене а хьажа а дезар ду бохуш хезнера. Ша маре а ца йоьдуш ц1ахь 1ийр, аьлла д1ахьединера йо1а.
– Папас, шен цхъаь бен йо1 маре йохуьйтур а яц, нахе г1уллакхаш де бохуш хьийза йойтур яц. – аьллера йоь1ан дас, партин райкоман инструктор волчу Николай Васильевича. Цуьнан бакъйолу ц1е-м Калмахьма яра. Делахь Николай бохург мелла а тамехь екаш санна хетара цунна. Цул сов г1аларчу хьаькмашна Калмахьма Вуьсарпашаевич олучул Николай Махмудович ала атта дара.
Ткъа х1усамнанас-м, Жанеттин нанас, Коленька олий хьостуш ц1ейоккхура шен хьоме майрачун.
Калмахьмин дех йисна йоккха ков–керт а яра оцу эвлахь, ц1енош а, раг1у а, божалш а долуш. Даьхни а дара. И берриг бахам цхьаъ бен воцчу Николай  Васильевична а биснера. Нанас Хьасипата, ша йоккха а хиллера, къанъелла, тишъелла, шена накъост оьшура, зуда ялаяхьара аьлла дехарш а дина, эххара шен ткъе пхийтта шо кхочуш Жоржетта бохуш йолу г1алара цхьа комсомолан белхахо ялийра цо.
Ша мича кхаьчча хиъначул т1аьхьа, квартирехь 1ан 1еминчу, шена х1окху декъа т1ехь лела хуур дац, даьхница шен бала бац, чехкка квартире д1адоьду вайша, аьлла, шена г1алара хьаькмаш бовзаре терра, шаьшшина эвлаюккъехь райкоман белхахошна динчу т1ек1елдинчу ц1енош чохь кхочоьйолу квартира я яьккхина, цига д1акхелхира Жоржетта.
– Делахь, ма несах хоттаела–кх со, – бохуш яппарш йора нанас.
Дохнаца а, бахамца а  къахьега  нана ша а йитна, шен чамда кара а лаьцна  нускал долчу д1авахара Николай а.
Оцу беапенаюккъехь х1орш бехаш ткъех шо а д1аделира. Нана а д1акхелхира.
– Ков–керт д1а а доьхкина, сихха цхьа «Волга» эца еза, – сацам бира Жоржеттас.
Иза а кхочушдира.
Х1ора шарахь шайн цхьаъ бен йоцу, йо1 Жоржеттин нана Мариэтта йолчохь а юьттий, и шиъ 1аьржачу х1орда йистте сада1а доьдура.
Иштта д1аоьхур-кх хан…
– Йохуьйтур яц папас  шен йо1  нахе маре. Мар вайга схьавалор ву вай. Кхузахь, вайгахь 1ийр ву хьан майра, – олура Николай Васильевича, шен цхьа бен йоцу йо1  хьостуш.

…Дукха хан йоццуш г1ала ю аьлла ц1е тиллинчу, эвлана гена йоцчу к1отарахь вехаш вара Мустапа. Цунна дагахь а дера дацара, шега иштта хаза йо1 схьахьожур ю, аьлла. Делахь  а,бегашийна санна  хабар дахьийтира цо, мехкаршна юккъехь малх санна билгалйолчу йо1е. Шен  ненашича Рузвельт волчу хьошалг1а еанера иза. Ткъа Рузвельт миттигерчу клубан заведующи вара. Мустапа цигахь киномеханик вара. Иштта д1атоьхна, схьатоьхна, дийцина, захало хилир–кх цунах…
– Жоржетта, – элира Рузвельта, шен шича йолчу а вахна. – И йо1 атта марехь соцу тайпа а дац.
– Хьо х1ун ала г1ерта? – чукхоссаелира нана.
– Вайна гуш ю йо1. Цунна ала х1ума дац. Иза зуда яц. Марехь 1ан, яха хуур долуш яц иза. Цунах жеро а йина, шарахь шозза–кхуза маре а йохуьйтуш и лело йиш ю хьан?
– Ма дийцахь!
– Оцу Мустапига д1ало иза. Цо куьйгаш т1ехь лелор ю. Шен чохь и хилчхьана тоьур
долуш ву и. Атта хир ду шуна. Д1ало, – элира Рузвельта.
– Ахь бохург дан реза ю со–м, – т1етайра Жоржетта.
– Соьга хоттуш х1уммаъ дуй вайн? – ша доьшуш хилла «Правда» газета стоьл т1е а диллина, ша чохь вуйла хаийтира Николай Васильевича.
– Собар дехьа, юкъаъ а ца лелхаш, тхо кхуза цхьаъ дуьйцуш ма ду – куьг ластийра Жоржеттас.
– Т1аккха–м ца хаьа суна, – меллаша хьала а г1аьттина кухни чу вахара иза шен кархаш а шершош.
– Гой хьуна, Рузвельт, кхин бала бац хьуна цуьнан. Дерриг  сан кочахь ду. Х1окху сан белшаш т1ехь ду. В общем, ахь ма-бохху, дийр ду вай…
…Захало дика чекхделира. Кхаа дийнахь бусий Пхьиди–к1отарахь ловзар лаьттира. Эххар а сийсара, аьлчаъ, тахана 1уьйрана х1окху кертара и шайт1анийн пхоьха д1аса а яхна, жимма сапарг1ат даьллера Мустапин. Корах арахьаьжча, божал чохь а, раг1у к1елахь а, г1уллакхдеш хьийзаш нана а хааелла, кхин а ч1ог1а сапарг1атделира кхуьнан. Ма дика
ду-кх могуш и йолуш, кхузткъа шо кхаьчнехь а, хаза тахъаьлла хьийзаш нана йолуш.
Х1окху мерзачу набаран йийсарехь йолу Жанетта самаяккха ца дезаш, ма дика ду–у–у,– бохуш,  дагна гилгаш дуьйлуш хьийзар иза чухула, бай нуй а хьоькхуш, тата ца дан г1ерташ, новкъара х1уманаш д1аса а йохуш…
…Ца хууш кхуьнан ког а тасабелла маьнганий, шифоньерний юккъехь лаьтта даьсса шиша охьадуьйжира. Кхечу шишанехь а  кхетта, тата даьккхира цо.
Ша лаьттачохь самалделира Мустапин. Нускал долчу аг1ора д1ахьажа ца ваьхьаш, сацавелира иза. Чохь тийналла х1оьттира. Меллаша, шен ши ког меттах ца боккхуш, ша лаьттачохь баь1ана муш санна хьовза а хаьвзина юха вирзира иза. Цуьнан ши ког  къилбехьа бирзина бара, голаш малхбузехьа яра, б1аьргаш къилбаседехьа хьоьжура.
Лап-лаппанехь шен 1аьржа б1аьрчачоьш а дегош, кхуьнга хьоьжуш 1уьллура, кхо хеназа самаяьккхина йолу, хьомсара Жанетта. Делкъана шийта сахьт даьллийла хоуьйтуш, пенах кхозучу сохьтан жимчу корах ара а къедда йийкира аттйокх.
– Жанетточка, хьо самаели? – аьлла, гежира Мустапа, кхетамкхелаш гучу а йовлуш.
– Ой, Мустик, х1ун деш ву хьо цигахь? Ма ч1ог1а татанаш до аш. Арахь цхьаъ ю, хьо кху чохь ву. Меллаша дейша и шай дезарш, г1овг1анаш а ца еш. Х1инца суна наб кхетар ма яц.
– Х1инца–м хьалаг1атта мегар ма яра, хьо сан к1орни. Мацъеллий хьо. Ас х1инца кофе кечйина кху метта схьаяхьа хьуна.
– Ой, ца еза суна… – жимма ойла а йина, – ладно, схьаяхьа.
– Х1инца! – аьлла д1аиккхира Мустапа.
– Собар! – т1ечевхира нускал – Юхаверзал. И айхьа охьаэгийна даьсса шишанаш арадахал кхучуьра чехкка. Юхаъ со хан йоцчу хенахь самаяккха воллу хьо, – шен берзина пхьарс юрг1и к1елара ара а баийтина, шишанаш долчухьа буткъа п1елг хьажийра цо. Сийна лак а хьаькхна лепаш яра цу п1елган буьххьера еха м1ара.
– Вицвеллера хьуна со. Хьажахь. Массо а х1ума го-кх цунна, – аьлла сихха гора а х1оьттина маьнги к1елара даьсса шишанаш схьагулдира Мустапас…
…Набъян а, йижна 1илла а к1ордийнера Жанеттина. Делахь а ша х1инца хьалаг1аьттича х1ун дийр ца  хууш, сингаттам бара цуьнгахь. Вуьшта, бакъдерг дийцича, кху керта еъна кхо де бен дацахь ( и кхо де а, ловзар до бохуш, х1окху наха маьхьарий детташ, г1овг1анаш еш, чекхделира), х1ара керт а, х1ара нах а,  шен майра ву бохуш волу и чамбоцу, оьпанах тера Мустапа а к1ордийнера нускална. Цунна оьшуш базар яцара х1ара.
Вуьшта кху декъазчу полана а, кхеран бахамна а резаяцара иза.
Кхана-лама г1уллакх талур ду аьлла меттиг а бацара, схьагарехь. Мухха делахь а, катоьххана, шен хьоме нана йолчу, цуьнан т1ома к1ел ц1аяха  лиира цунна ц1еххьана…
…Т1ера 1аь а г1уьттуш кофе а яхьаш, карахь шун  а долуш, чоьхьавелира Мустапа. Шуьна чохь тортан дакъош а дара, шекар а, варени а яра.
– Хьо 1аччохь молу ахь, я кхуза стоьл т1е схьайог1у хьо? – хаьттира майрачо.
– Х1ей дедиса шун! Аш доу х1ара дуьне, – аьлла чоьхьаелира Мустапин нана Банату.
 – Ой, х1инцаъ г1аттанза ду х1ара нускал?
– Д1адерзийша шийа. Са а хилале чу а лилхина. Аш х1ун леладо? Схьакховдаехь, Мустик, сан халат.
Мустапас маьнгин г1овлех кхозу халат нускале д1ало.
– Делла 1илла шуьшиъ. Ма цхьатера вовшахкхетта, – элира Банатус, резайоцуш не1арехьа а йоьрзуш.
– Къанъелла 1овдал, – шен мерк1ела элира нускала.
– Хьуна хезирий? – к1антана т1ечевхира, и дешнаш хезна йолу, нана. – И х1ун ду цо дуьйцург. Со 1овдал ю ца боху цо? Вистхила цуьнга. Хьо х1усамда вуйла хаийта!
– Х1ан!? Ахь х1ун элира, мамашига?
– Х1уммаъ ца элира.
– Юха алал, хьо майра елахь.
– Д1авалахь, Мустик.
Мустапа оьг1азваханчух тера дара.
– Ойт, лазае ас хьо,  – аьлла, г1анта т1ехь 1уьллу капронан пазат, схьа а эцна, кхоьссина шен нускална туьйхира цо.
Важа–м шек а ца елира.
– Ас х1инца схьалаьцна оцу корах тохахь, кор кагдийр ду ахь. Нагахь санна оцу не1арх тохахь хьан цхьан меже йор ю. х1у де ас хьуна? – аьлла ша волччохь вегийра оьг1азвахна Мустапа.
Х1ара иштта оьг1азг1ур ву моьттуш дацара вай нускал. Цундела, мелла а юьйхира иза ц1аьххана. Юха, ела а къежна кхунна, т1ехьаьдда марахьаьчира иза.
– Мустик, ахь х1ун до? Сан хьомениг, я пошутила. – аьлла маракъевлира цо Мустапа.
Ши куьг охьа а хецна малвелира к1ант. Не1арехь кхаьрга ладоьг1уш лаьттачу нене а хьаьжна цо элира:
– Ну что ей скажешь, мамаша? Къинт1ера ялахь кхунна, цхьа г1ийла миска ма ю х1ара, ша х1ун дан деза а, х1ун ала деза а цахууш.
Нана йист ца хуьлуш араелира…
…Суьйранна клубехь кино а гайтина Мустапа ц1а веъча, чохь нускал а, цуьнан чамданаш а ца карийра цунна. Стоьл т1ехь 1уьллуш цхьа кехат дара:
«Мустик, бехк ма Билла. Со д1айоьду. Соьга д1акхехьалур долуш х1ума дац и. 1одика хуьлда.
Р.S. Если надумаешь, можешь переехать к нам. Мои родители будут рады тебе. Жанетта.»
Воьхна хьаьвзира Мустапа. Шен парталчу боларца меллаша кех велира иза. Цуьнан горга беснеш юсаеллера. Мерах шок а етташ, оьг1азалла кийрахь сецош, дерриге дуьненна  дарвеллера и. К1етахь 1уьллучу попан гулана т1е охьалахвелла, сигаьрка латийра цо. Беттаса а долуш дикка сирла яра арахь.
Аьхкенан юкъ яра. Пхьидарчийн, ц1азарийн иэелла г1овг1анаш хезара.
Ах1и–ах1и–бохуш, велха а ийзош, шен кучан пхьуьйшаца, мерк1ело а ц1анъеш хьала вог1ура кхеран лулахойн  пхи–ялх шо хир долу к1ант. Цуьнан ц1е Чхьоьча яра.
– Ас  дадига д1адуьйцур ду хьуна. Хьан болх бийр бу хьуна т1аккха,  хьакха,  хьуо ма–ярра, – бохуш,  гуш воцчу, шена ницкъбинчу  цхьанна  яппар еш, юхаъ велхаийзавора к1ант.
– Мила ю боха ахь хьакха? – аьлла, таьххьара дешнаш а хезна, ц1аьххьана хьалаиккхира Мустапа.
– Д1авалахь хьо а. Хьой бен кхи хьакха яц моьтту хьуна, – аьлла, х1ара тергал а ца веш, шен бала белхош хьалавахара к1ант.
– Х1ан? – аьллачохь висира Мустапа…

1978 ш.