Абу Исмаилов Iумар-Хьажа хилларш-лелларш Иза бакъд

Абу Исмаилов
Абу Исмаилов










Iумар-Хьажа

(хилларш-лелларш)






























Иза бакъдуьненчу дIавахна ткъе  пхиъ шо сов хан яьлла. Амма цкъан а виц ца ло суна иза. Даима а дуьхьал лаьтта цуьнан шатайпа сибат.
Суо жима  волчу хенахь чIогIа буьрса стаг хетара суна иза. Амма, со воккха мел хили а, цунна юххехь мел лийли а, цуьнга ла мел дийгIи а со кхетара: иза чIогIа дог кIеда, дог лозуш, наха дуьйцучух кхеташ, цаьрга ладогIа хууш стаг вара.
Ша дуьйцучух, шена хетачух нах ца кхетча, халахеташ а вара иза, вас хуьлуш а вара.
Суна суо дага мел вогIу, сайн кхо-диъ шо кхаьччахьана цуьнан цIе йоккхуш хезна ву со.
«Iумар-Хьажас аьллера…»
«Iумар-Хьажас, иштта, и динера…»,–бохуш кицанаш дохуш, масалш далош, и шайна цкъан а ца гинчара а тIехь вуьйцура иза дийна волуш дуьйна а.
Цунах лаьцна наха дуьйцучарах диканиг бен кхин хIума а ца карийна суна.
Ша-м цо ша лелийнарг башха дийца а ца дуьйцура. Цуьнца цхьана хьалакхиъна а, цуьнца леллачара а, цуьнан нанас Тоитас дийцинарг а, иштта жим-жимма схьагулдеш вовшахтоьхна дагахь лелош дара ас хIара дерриг.
Къуонахех, къуонахчух лаьцна къамелаш хуьлу. Вайн царах лаьцна туьйранаш а,дийцарш а, иллеш а ду. Буьйцуш хийла къонахий а бу. Церан могIара дIахIотто мегар волуш вара, аьлла хиэта суна,Iумар-Хьажа а. ХIунда аьлча, цхьана хIуманна тIехь, ша боккхучу когаца, олучу дашца шегара осала хIума ца долуьйтуш, нахаца шена ала вуон хIума ца дуьтуш, кху лаьтта тIехь ша йоккху хан а яьккхина бакъ дуьненчу дIавахна иза.
«Къуонах хила-м хала дацара,–олура цо,–къуонахалла дIакхехьа ду-кх хала». Кхин а олура цо: «Стаг стигланах кур туьйсуш велахь а, цо лелориг дош дац, нахана цо лелориг дош ца хетахь».
Цунах лаьцна яздан лууш, иза хьахон лууш, иза ца вевзинчарна а вовзийта лууш, вайзаманхошна а, тIаьхьа тIебогIу болчарна цунах лаьцна бакъдолу, нийса долу дош дита лууш долийнера хIара хIума. ХIунда аьлча, шайгара хIума тIедеттарш а хир бу, тIера дIадоккхуш берш а хир бу, луъ-луучу агIора туьдуш берш а нислур бу.
Сайна  хезнарг, и вевзаш, везаш хиллачу цуьнца хьалакхиъначу нехан тоьшалаш ду ас кху тIехь далош дерш.
Стаг дуьненчуьра дIавахарх цуьнан лар юьсу лаьтта тIехь: цуьнан доьзал буьсу, цо йоьттинехь, гIишло юьсу, цо йоьгIнехь, беш юьсу, цо динехь дика гIуллакхаш дуьсу, иштта динехь вуон гIуллакхаш а дуьсу.
Изий , важий, вуьззина къуонах ву олий хIума хеза, къаьсттина кху тIаьхьарчу шерашкахь. ХIуьнех дина хьенех чIогIа къуонах ву, доьналла долуш ву, майра стаг ву, халкъан бала эцна лелаш ву, олий доладо.
Иза-м иштта хила а тарло. Делахь а , суна-м башха къуонах а ца хиэта, тахана массо а зIар дуьхьалара дIа а  даьккхина, зIенаш, буржалш, догIанаш а дIа а даьхна, паргIатбаьхна, шайна луъург лела а де, шайна луъург ала а ала, аьлла, схьахецна болчу наха, карзах а бевлла шайна хетарг аларх, шайна луъург лелорах башха тамаш а ца бо ас-м.
Тохара СоветанIедал долчу хенахь Сталинан заманчохь,Iедал уггаре а чIагIделлачу муьрехь шена нийса хетарг, шена луург дан а, лелон а ваьхьаш стаг кIезиг хилла. Цу хенахь шена хетарг деш, нийсо лелош стаг хиллехь—иза вуьззина къуонах хилла, аьлла хиета суна…
Бокъалла а аьлча, къуонахалла бохург, цхьаьнгера а пурба а даьккхина, лелош а дац. Шен орамера, шен хIусамера дуьйна дIа хила веза къуонах.Iумар-Хьажас олура: «Шен хIусамехь лай хила веза, арахь эла хила веза хIора стаг а».
Iедалца гергарло лелийна а, цуьнан тIома кIел гIиртина вацара иза. Пачхьалкхе юьллур ю ша, я пачхьалкхе йохор ю ша бохуш даккхий хабарш дуьйцуш араваьлла лелла а вацара иза.
Тийна-таьIIана, ша Делан лай вуйла а хууш, тIехь Дела вуйла а  хууш, кху дуьненчохь шена яккха леррина хан хьанал чекх а яьккхина дIавахна стаг ву иза.
Цундела цунах долу дийцарш доьшучара тидамехь латто деза: и хIун зама яра, хIун дахар дара и, хIун адамаш дара уьш, хIун гIиллакхаш дара цу нехан? Таккха и дIаяхна зама дагалаца а, таханлерчу денца юста а атта хир дара.
Теша лаьа, вайн нохчийн къам вешан бакъ болу кIентий муьлш бу хаа а, къасто а Iемарг хиларх а, церан сий дан Iемарг хиларх а.
ХIара тептар Iумар-Хьажех лаьцна яздинехь а, кхузахь билгалдаккха деза: и санна болу къуонахий вайн Нохчийчохь хIора кIотарахь а, эвлахь а, шахьарахь хила а хилла, хIинца а бан бу. Уьш эзарнаш бу.
МоттаргIанаш а ца лелаеш, совнаха хабарш а доцуш, тийна-таьIIана Далла гIуллакх а деш, нехан гIуллакх а деш, хьанал баха а бехаш Iаш нах бу уьш.
Оцу нехан гIиллакхо, церан оьздангалло, цара шайн доьзалшна гойтучу масалша, царна лучу хьекъало, цаьргахь кхиочу дикачу амалша латтош а, дебош а ду нохчийн къоман гIиллакхаш а, оьздангалла а.
Дала мукълахь, тIейогIучу хенахь иштта лаьттар ду аьлла а хиэта суна иза. Дала ма эшабойла вайна цIена дог-ойла йолу, яхь йолу, оьзда, нохчийн кIентий!



Якъуб тIаме воьду.


Элдархин Дика шеначулла дуьне диъна, хан тоьхна-а стаг вара. Цуьнан аьрха жималла а, къуоналла а луьрачу Шемалан заманахь йиснера.КIиллой карзахбевллачу, харцонаша а, герзо а доьналла а, къуонахалла а холчу хIоттийначу оцу къизачу муьрах нохчолла а,сий а лардеш чекх  вала аьтто хиллера цуьнан. Юккъерчу дегIахь а волуш, доцца дитна  кIайн маж-мекх а долуш, ханна кхузткъей итт шо хир долуш стаг вара Дика вай юьйцучу заманчохь. Ткъа иза 1914 шо дара. . .
     Дикас шовзткъей  итт шо хьалха эцна йолу, «шипсаран» топ хIинца пенах тоьхначу истанга тIехула кхозура. Наггахь, шарахь цхьа-шозза схьаоьций цIанйой, даьтта хьокхий, юха  а пенах хьала уллура цо и топ.
     Цуьнан цхьаъ бен воцчу кIанта Шахьбис лелорг  а башха хIара резаволуш хIумаъ дацара. Къинхьегамца а, дохнаца гIуллакх кIезиг хуьлура Шахьбин. Иза даима кечвала лууш, цIенаниг духуш, мерзаниг дууш, кестта-кеста зударий а балош, цаьрга кертара белхаш а бойтуш, ша, обарг ву бохуш, эцца хIотешкахула, ша  санна болчу берешца вола велла а лелаш , дуьне дууш вара.
        Дикина ца гинера и паргIатонаш. Иза даима къахьегна а, къахьега хууш а вара. Бежнаш, гомашаш, жа, говраш а дукха лелайора цо. Мангал хьакха меттиг  а шорта яра. Дикин дендас Мусас даьккхинчу ирзехь бехаш бара уьш, цу тIаьхьарчу шерашкахь.
     Ирзо шина декъах дара, юкъех жима хьуьнан аса а йолуш. Лакхахь, шовдан коьртехь шен хIусамехь Iаш Дика вара. Ткъа лаха чохь Шахьби а цуьнан доьзалш а бара. Шахьбин дуьххьарлера зуда Тоита цуьнца ехаш Iан ткъех шо сов хан яра. Виъ кIант вара церан: Якъуб, Дота,Iумар-Хьажа,Iела-Хьажа. Цхьа ламаз ца дуьтуш, суьпа яра иза, гIеххьачул Iаьрбин йоза-дешар хууш а йолуш. Шахьбис лелориг жималла а, аьрхалла ю бохуш, ша дан дезарг:кхерч ларбар,марзхой а, хьаша-да ларар а, доьзал иманчохь кхиор а ду, бохуш, йоллура иза, мал ца луш, яхь дIа ца луш, къахьоьгуш. Дика реза вара шен несана.
      Оцу муьрехь воккхах волу Якъуб берхIийта шо кхаьчна тIахъяьлла бере вара. Ден-дас шена цIе тоьхначу бокъах бора дин ша кхиийнера цо, шен амале берзош. Детица кхелина дуьрста, хаза кечйина нуьйр а яра. Ша лелош йолу пхоьаза йолу топ а, тур а, шаьлтий, доьхкий, сира гIовтал а, оба а юхий, башлакх а йоьхкий, месала куй а туьлий и говра хиъча, цуьнга хьаьжинчохь буьсура кIотаршкара мехкарий а, кегийнах а. Ткъа, пхи шо кхаьчна волу цуьнан жимах волу ваша Iумар-Хьаьжа Якъубах дозалла деш а, цунах хьоьгуш а хуьлура. Беречо аьлларг деш цIехьана дIаэккхаш, юха соцуш, тIехьарчу когаш тIехIуттуш, охьа юьжуш, юха хьалагIоттуш дика Iемина яра Якъубан Бора.
  …Хьалха-МартантIера шен цхьана гIулакхе ваханчура цIа веара Шахьби цхьана сарахь.
–Гирман паччахьца тIом болабелла. Цига тIаме язбеш бу. Суо а язвайтина ас,- элира Шахьбис, Тоитас шена хьалха йиллина хьолтIамашший, тIобераммий биъна а ваьлла, шура тоьхна чорпа а молуш, ша Iаш.
     Тоита йист ца хилира.
–Шахьби! –элира Якъуба (ден-ненан цIераш яха Iамийнера оцу доьзалера бераш),-хьо къона а вац тIаме ваха, хьуна хьайна чул дуьне а гинера. Со вахийтахьа цига хьайн меттана.
–Ца хаьа, хьовсур ду вай, -ойлане велира Шахьби. Иза хIинца-м ша цIаьххьана, нахаца йохье а ваьлла оцу даккхий къамелаш деш, гIалара баьхкинчу наха дийцинчо мелла а карзах ваькхина, оцу Добрарме язваларх гIеххьа шеконаш кхолаелла а вара. Делахь а, юха валар а нийса а, тамехь а ца хетара нахана гергахь а.
    «Делахь а, хIинццаъ меркIело Iаржъяланза волу, дуьне а дахар а хIун ю ца хуу хIара бер сайн меттана луьрачу тIаме муха хьажор ду ас?»–бохучу ойланаша холчу хIоттийнера Шахьби.
     Амма и дерриг а къонахчун дагчохь а, коьртехь а хьийзарх, чуьрчу доьзалшна а, нахана-м муххале а хаа йиш йолуш хIума дацара…
     Цул совнаха кхуьнан йиша Зайнап яхана волу Ота а вара дIаязвелла, дехьара Iуспа а вара, масане бар уьш, обаргаш бу бохуш аренаш идийнарш а идонза берш а. Цхьаберш  керла дуьненаш довза лууш бар а, вукхуьнан дагахь хила  тарлуш йолу хIонс яра. Амма царна цхьаннийн а ца хаьара и болабелла Европан а, Россин а аренашкахь кхерста тIом, шел луьраниг цул хьалха хилла боцуш буьйла а, керла герзаш, керла хIилланаш юкъадаьхна щайтIанан тIом буьйла.
     Царна иза муха хуур дара яххьий, оьздангаллий, гIиллакхаш лардан Iаминний бен, шалхонаш, тешнабехкаш, шайна девзаш ца хилча. Берийн санна цIена яра церан ойланаш а.
     Амма , доккхачу, царна ца моьттучу кепара инзаречу дуьненчохь шен, болатан болар сихдеш лаьттара ткъолгIа бIешо, цо массо а адамашна амма къаьсттина нохчашна, кечдинаIазап а халонаш а хIинцаъ гуш яцара. Арахь кхехкаш аьхке яра. Адамаш мелла а паргIатдевлла, чу са деана, синтеме зама яра иза, йочанаш, мархаш гучу йовлаза а йолуш.

* * *

     Цхьа кIира даьлча Мемат тогIичохь Мартанан йистехь дуккха адам гулделлера. ЦIераш а латийна дIаоьхкина даккхий еш дара. Дехьо гулбелла Iара баккхий нах, царна юккъехь Дика вара . Шахьбис динчунна реза вацара хьара а, амма хилларг хилла даьлла. Якъуб шен могIарерачу, жимма шел баккхийрчу нахаца тIаме вахар магийнера кхара шайн кхеташонехь, юххехь   дIавоьдуш Тоитин ваша Дауд а, ден йиша яхана  Ота а хилча, синтеме хетара.  Къеггина малх хьаьжна, хаза де дара.
      Цхьана  маьIIехь пондаран аз доладелира, вотанан тата делира.ТIараш туьйхира:—ХIорс тоъ , юкъа вакха БайIела?—аьлла маьхьарш девлира.
        Лаьтта тесначу истангахь тIехь хьоьхан текхаш чохь жижиггий, кхийра кедаш чохь чорпеш лаьттара. Уьш яа тIегулбеллера цхьаберш. Маьхьарий детташ, йиш маьIаш еш, вовшийн дIасатуьтуш уьдура бераша. Наггахь зударийн белхар а эккхара
–Ва, нанас йинарг яла хьан!
–Ва, нана яла хьан!
–Ма е гIарош! Некъ дика, хуьйлда! Диканиг ала!
–Вайна дуьхьала вала мила хир ву кху дуьненахь!
–Iайт! ЯI! Гора кIант яI! Тоха тIараш! ХIорс-тIоъ!
ДIанехьо багара дуьрстанаш а яьхна ежаш говраш яра. Шен нийсархошца цхьаъ дуьйцуш лаьттачу Якъубна тIе а вахана цуьнан гIовталан тIам озош, хьала а хьаьжна
–Ябба!(иштта йоккхур цо Якъубан цIе)-Со жимма говра тIе хаавай волавалийтахьа,—элира Iумар-Хьажас. Пхи шо кхачанза вара иза цу хенахь
–Дера хаор ву! Схьавоьл!–аьлла куьйг лаьцна шен Бора йолчу, тIе а вигна, шина куьйга айина нуьйра чу хаийра вашас Iумар-Хьажа,–ХIоъ чIогIа схьа лацалахь—аьлла. ХIинцалц Iумар-Хьажина оццул лекха хетта волу Якъуб а, массо а нах а, говраш а вуно гена даьлча санна хетара. ГIеххьа дог тохаделира кIентан. Делахь а,шина куьйгаца малх санна къегаш болу йоьзан хIоъ а лаьцна вулавелла Iаш вара иза, нийсса говран кхесе а хьоьжуш. Иштта жимма говр йола а ялийтина, ша цхьана куьйга кIант а лоцуш, цул тIаьхьа жима бере охьавоссийра Якъуба. Цкъан цкъа а дицлур дац Iумар-Хьажина и де. ТIаьхьа боьлхуш зударий а болуш  баккхийчара тIаьххьара косташ а деш, кхин юха ца хьовсуш йоргIа боларца, мохо лестош башлакхийн тIемаш а долуш, КъочIин шовда  долчухула басах хьала а бевлла къайлабевлира дошлой…



Жима бIаьхо


    ГIийла узам а беш, беснеш тIехула охьауьдуш мела бIаьрхиш а долуш бод хьакхош йоллура Тоита, шолгIачу Iуьйранна Iумар-Хьажа самаваьлча.
    Якъуб а, Дота а чохь шена ца гича, гIеххьа дог дуьйхира кIентан. Селхана тIаме боьлхучаьрца шен воккхах волу ваша дIавахар дага а деъна, иза кхийтира шен нанас бечу узамах. Шена цхьа чIогIа вас хила меттиг нисъелча, яхь дIа ца яла гIерташ, узам беш, цхьацца гIуллакхах тасаелла йоллуш хаалора цунна шен нана. Цундела, мелла а цуьнан догъэца дагахь, цуьнан сапаргIат долу агIо муха карор яра техьа, шена аьлла, нана йолчу агIора волавелира иза.
–Тоита, хьо хIунда йоьлху? –юххе дIахIоьттира кIант цуьнан кучан юх схьа а озош.
–Со-м яц, йоьлхуш, кIант,–цхьацца ойланашка яьллера-кх.—Шен бIаьрхиш лачкъош дIайирзира нана.
–Яббина сагатлуш-м со а ву, хьуна. Иза кестта-цIавогIур ма ву, и гирман эша а вина. Вуй?
-Ву, –элира нанас
–Гирман боьха таг ву. Саьрмик бу иза. Суна гIенах гина и сийсара,– элира кIанта
–Бу те, боьха саьрмик бу,–тIетайра нана.—Вало охьаа хьайн, тIобераммий, мижаргаш баа, тIе етташура а молуш.
–Дота тенга вахна?—хаьттира кIанта, шен иттех шо воккхах волу Дота чохь ца гича.
–Иза даьхни дIалалла вахна—элира нанас.
    Iумар-Хьажил жима волуIела-Хьажа хIинца а набъеш вара.
      Кхаъкогарчу гIанта а хиъна,Iуьранна баьккхинчу тIайх бинчу берам чуIуттуш мижарг а биъна, тIе етта шурин кад а мелла, хIалагIаьттира жима къонах.
     Поднара тIехь сонехь лаьтта шен чIижаргIа коча а тесна, дечиган тур хаьнте а оьллина, кечвелира иза.
–Арахь малх бу коьрта бIегIаган куй тиллалахь, малх бовха бу,–элира нанас.
–Дика ду!–КIайн куй тиллина кечвелира кIант.
–Со Дада волчу лакха ирзе воьду, Тоита,–аьлла аравелира иза.
      Арахь пенаца хIалахIоттийна лаьтташ беха бIаьллинган сара бара. Иза гIаш юккъе а нисбина, «но-о-о!-аьлла шен «говр» дIаоьккхуьйтуш лекхачу баца юккъехула халла хаалучу некъан лорах хьалатилира кIант шен дерзина кIажош а къегош.
     Лакха ирзу тIехь айаеллачу меттехь динера Дикас шен ши цIай учей. ДIанехьо гуш ханнийн божалш а, дохнан  керт а яра.Iумар-Хьажина схьахезира шовда долчу агIора цхьамма аьчках жIов етташ ден тата. Цига дIаерзийра цо шен «бекъа» наггахь шен буйнара «тур» тухий, баI я яр йожош. Хьуьнал хотехь екаш аттйокх хезара, гондахьа хьийзачу чуьркийн, мозийн, горийн, кхийолу сагалматий гIовгIано кхуллуш цхьа ша тайпа зевне мукъам бара лерехь бекаш. КIантаца хьалха яларехь къуьйсуш санна дIакхийссалуш баьццара а, ал-можа басахь а цаьпцалгаш яра. Зезага тIера зезаг тIе хуьйшуш шайн башха хелхарш деш хьийзара бес-бесара полларчий. Цхьацца йолчу бацана тIехь хаалора цIечу букъа тIехь кIайн тIедарчий долу дадолагаш. Ехачу бецан патар тIехула хьала а йодий, буьххье кхаьчча тIемаш даржа а дой хIаваэ долу дадолаг. Иштта, хаалора хIаваэхула хьийзаш шайтIан говраш.
     Бес-бесарчу зезагаш иэелла, юкъа лаьттачу бецан хьожа а, башломан баххьашкара даима а охьахьокхучу шийлачу мохо а цхьа шатайпа ницкъ лора, цIена ойла кхуллура.
     Шовдан коьртана гена доццуш шуьйра IиндагI а даржийна лаьттара доккха бIар. Цуьнан букъ а тоьхна, жимочу нуьйжан тIехь мангалш тусуш Iара Дика.Хьакха езаш хьийкъинера цана.
     ГIаш юккъехь сара болуш хаьхкина тIекхечираIумар-Хьажа.
–Ирс долуш, хуьлда хьан, Дада!
–Далла воьзийла.
–ХIара сан тур ирлур дарий хьоьга?–хаьттира кIанта дендега, шен дечиг тур дIа а кховдош, кочах кхозуш тIе бахтар а тесна чIижаргIа а яра цуьнан.—ХIара мажар-м юьйлинера ас.
–ХIун дан волу хьо кху герзах?—хаьттира Дикас.
–Дера воллу Гирманца тIом бан. Яббина гIо дан гIур ву со.
Шен сирачу мекхаш юккъех кIента кIантах воккхавер  хьулдан а гIерташ Дикас элира:
–ХIара тур тоьур долуш ира ду. Новкъа маца волу хьо?
–Со-м, Дада, кхана а дIагIур, вара Тоитас суна керла хеча тегча. ХIара сайниг жимъелла а тиша а ю, хIара а юьйхина муха гIур ву со нахана юккъе? Мяьхьсеш а яц сан. ХIокху говрана цIена нуьйр а дика хир яра.
–ХIете, хIете—бохуш вела ца вала гIерташ Iара Дика.—Схьавоьл цкъа и хьайн дин дIа а хеций. КIентан ши белш схьа а лаьцна жима ластийра цо ша Iаччохь. Белшаш а, пхьаьрсаш а онда дара. БIаьрганегIар ца тухуш, схьахьоьжучу сийначу бIаьргаш чохь доьналла а, къарцавалар а хаалора.
     «Кхунах-м цхьа хIума хила а мега. МоIгин некъийн цIе дIакхоьхьур йолуш, цхьа лоьман кIеза ду хIара-м»–аьлла ойла кхоллаелира воккхачу стеган дагчохь.—Иштта ца хилча эхь дер дара кхунна,–ша шена чIагIдира Дикас.
      Къонах хила хала ду. Стагах берахь дуьйна шех хила гIиртинарг хуьлу. Хин долу хьоза бенахь дека… Кхана Iуьйкъехь мангал хьакха боло беза. Кхин йитча буц йижарна кхерам бу. Далла бу хастам, дика докъар хир ду кхушара,–бохуш ойланаш йора Дикас,бацалахь маIа йолу йоккха чхьавриг а карийна и ловзош воллучу кIентан кIанте а хьоьжуш.
      
* * *

Ткъа цу заманчохь шен бераллин шовкъехь волчу Iумар-Хьаьжина шен Дендех а, дех а лаьцна кIезиг хаьара. Дика хIуманан хьесапдан хууш куьйган а, дешан а говзалла йолуш вара. Цо билгал йоккхуш хиллера Мартан йисттехь хьер ян мегар йолу меттиг. Цигахь хьеран корта а боккхий и меттиг хьер ян луучунна юхкуш хилла цо. Хьалха-МартантIера, Сери тогIийчуьра, Мартанчуьра, орцал тIехьа шина Мартанна юккъе хьалакхачалц йолу хьераш цо билгалъяхначу меттигашкахь лаьттина а, хIинца а лаьтташ а ю, бIе шо даьллачул тIаьхьа а.
   
* * *

…Ша туьйсина ши мангал бIорах генах хьала а оьллина
–Вало,–элира цо кIентан кIанте.
–Тоитин юург яьллийла хьожур ву вайша. Денден тIаьхьа а хIоьттина «йожуьйту-уш» шен «бекъа» а ялош лаха ирзонгахьа охьаволавелира Iумар-Хьажа. Го баьккхина лаьтташ яра хьун. Дукхах ерш пхона дечкаш яра. Наггахь хьуьнан кхор а нислора, чайбал а хуьлура, йистехьо бIаьллингаш, хьаьмцаш, стеш хуьлура. Кхораш ношбеллера. Стеш а цIен бос эцна дара. Ткъа хьаьмцашший, элхьаьмцашший-м хIинца а вуно аьрга бара.
–Дада суна хи деза.—элира кIанта.
—Дезахь, вайша мер ду-кх,-аьлла, шовданан коьрте вирзира Дика. Доккха, шуьйра машхьокхурган патар схьа а даьккхина, цунах чами а бина, хих хьала буьзира цо. Дукха шийла долуш, цхьа-ши къурд бешшехь, цергаш лахайора хино.
    Башломара охьа хьоькхуш наггахь хаалора мох. Диттийн баххьаш лестадора цо. Аьхкенан чилла яра арахь.
     «Кхунах-м цхьа къонах хир ву Дала мукълахь,-юха а ша-шега шабарш дора Дикас.







«Ирча кхаьънаш».


     Хьалхалера дахар дIаделира. Хийцаделла схьагуш хIуммаъ а дацара. Тохара санна лаьтташ Башлам а бара, иштта охьаоьхуш Марта дара, хьаннийн бахьашкахь олхазарш декара, варшашкахь аккхарой лелара.
     Амма адамийн яххьаш хийцаеллера, кIезиг хезара берийн беларш, алсам хезара нанойн белхарш. Къонахий вовшах кхеттачохь, пхоьханахь дуьцура тIамах лаьцна, тIам тIе баханарш а, цара лелийнарг а, аьлларг карладохура.
     Наггахь хаам кхочура генарчу тIеман арахь цхьаъ вийна я лазийна олий. Шина-кхаа дийнахь баккхийчара а, кегийчара а, кара-кара оьцуш, наггахь волчо шегара тIетухуш дуьйцура оцу хаамех дерг. Таккха юха а шайн дахаран сингаттамашна, дезаршна юкъабулура нах.


* * *


 Массо а вижинчул тIаьхьа а ламазаш деш, доIанаш деш, Деле Якъуб воьхуш, могуш-маьрша и цIаваре сатуьйсуш, шен гIийла бIаьрхиш йовлакхан тIомаца беснеш тIера дIадохуш, йоьлхуш Iара Тоита. Мел чIогIа ойла ярх, цуьнан кхетамехь сурт ца хIуттура оцу геначу мехкан. Муха ву техьа, хIун леладо техьа, лазийна техьа, дийна вуй техьа? Оцу хаттарийн тулгIенаша корта лазабоккхий, даго ов детташ, шен кIантана дан доцчу амалан гIайгIано ницкъ бой, хIуорам а хуьлий, гIеллой шаIаччу ламазан тесначу кхакхантIехь хаба а хебий набаран тар тосий,Iуьллура иза сай-бодий къосту хан хиллалц.
   
* * *

     Гуьйренан тIаьххьара денош дара. ГIа-патар охьадоьжна, шайн къайленаш а, хьуламаш а гойтуш яра хьаннаш. Декхначу дийнахь дехьа басахулла буьхьиг тIаьхьа а хIоттийна доьду лу а хаалора, буьйсанна йис йиллина хилча. Гилхан ирзехь шен кегийчу берашца гIийла хан токхуш яра Шахьбин йиша Зайнап. Отигара кхин хаам бацара.
     Чуьра дезарш дина яьлла, буьйса юккъе яханчул тIаьхьа дIатевжинера иза. ЦIаьххьанна, цхьамма кор тухуш санна, хетта, меттахиира Зайнап. ЛадуьйгIира. Юха а тIох-тIох аьлла кор туьйхира цхьаммо.
–Мила ву цигахь?–аьлла, коре яхара хIара. Амма гуш хIума дацара. Я ган йиш а яцара, арахьахула тIечIаьгIна коран неIарш яра, гIуй чоьхьа а баьккхина къевлинера. ТIехьарчу кертехьа долу кор дара иза. Цундела, хаъал йоьхнера зуда, керташкахула, тIевеъна тIехьара кор деттарг, хIокху хан йоцчу хенахь мила ву техьа аьлла хетара.
–Со ву, со,-аьлла цхьа къоро гIоргIа аз дийкира арахь.
–Мила ву хьо?.—юха а хаьттира зудчо
; –Со ву, со, кхин мила хила везара кхузахь?—резавоцуш, амма аз кхин айъа ца ойъуш, тIаьIано, юха а жоп делира арарчо. Зайнап кхераеллера. И аз ца девзара кхунна.
;
–ДIавало дIа,со берашца суо Iаш ю,кхечанхьа неIтоха. Кху чохь боьрша стаг вац. ДIавало, хьо мила а велахь а, Дала Iалашвойла хьо,—элира зудчо.
–Дала ТIуьса-Сеткъа дуьхала е хьо, схьаелла чехкха неI,–мохь туьйхира арарчо.
Эцца кхийтира Зайнап: арахь лаьттарг кхуьнан берийн да Ота вара. Чехкка неI схьайиллина, рагIу кIелара тIехьа йоьду неIсхьаелла едира иза. Арахь вуно Iаьржа яра, жимма дохк а йолуш. Отин лекха, онда дегI девзар долуш дара. Иза хьалхий Зайнап тIаьхьий хIусаме чоьхьа делира хIара шиъ. Бераш дехьа чохь дара. Чуоьзна болу мекхадаьттан стогар хьалаозийча, кхин а чIогIа цецъелира Зайнап. Маж-мекх а, корта а бахбеллачу оцу стагехь Ота вовза хала дара.
–ДIаяхал хIара эткаш,–аьлла поднара тIе охьахиъна, шен хотташ юьзна хилла цаIаш, йоьхна харцахьа яьлла ши мача схьакховдийра Отас.
      Шена тIера тIеда салтийн чоа, гира гатанан тIоьрмиг а, пхоьаза йолу топ а, гIап а цIенкъа охьаехкира. Гуш дара иза, милла вала ца валлахь, а гIеххьачул шел веллийла, гIелвеллийла, мацвеллийла.
      Теса чу довха хи а доьттина, сихха хIусамден когаш цу чу хIиттийра зудчо. Юхь-куьйг а дилийтина, тIехьа гIайбеш  а дехкина, жимма и дIа а таIийтина, ша сихъелла юург йохъян хоьттира Зайнап, кхе дечиг а туьллуш.
–Кхин стаг а вуй хьоьца?
–Вац.
–ЦIа муха ваийти хьо цара?   
–Суо веъа-кх,—кIордийнера суна,–жимма Iийна,–муха Iаш ду шу? Бераш меца-м ца дуьту ахь?
–Ца дуьту
–Бакъ ца дуьту. Юург ледара яра цигахь. Жижиг дацара. Сан меттиг яц иза.
–Ткъа хIинца хIун дийр ду?
–Эцца ламчу хьала гIур ву. ШахьбигIар лелориг лелор ду. Сайн цIахь хир вай со. ХIара Миклайн Iедал а дукха лаьттар дац. Доьхна Iедал ду хIара. Са ма гатде. Дела дика ву.— Ша дIатаьIIанчохь наб кхийтира Отина.

* * *

ШолгIачу дийнахь Мартанчуьра баьхкина цаIаш, Таьнгичуьра, ГIоййистера, СоIди-кIотарара, Хьалха-МартантIера шайн-шайн стаг тIам тIе вахана болу верасаш схьаэха буьйлабелира Ота волчу. Шайн стагах дерг хаа лаьара массарна а. Цу нехан хеттаршна жоьпаш луш дIаделира кхо-диъ де. ХIинца тIевеъначунна вевзар волуш, хаза маж-мекх дIадаьшна, цIена барзакъ дуьйхина кечвелла вара Ота. Цунна хаьара нахехь сингаттам буйла, шена хуург, хIораннах а лаьцна ма-дарра дIадуьйцура цо.
–Iусин Зокка муха вара?
–Могуш вара, тIахъаьлла хьийзара.
–ГIобин Тимаркъа гирий хьуна?
–Иза а жима чов хилла, ког лазийна лазартни хьажийра.
–ТIепин Iуспа хIун деш вара
–ЭхI. Шу марша, воцуш ву Iуспа. Дала декъал войла и, Дала гечдойла цунна!
–Амин! ДоIа дехьа, Исраил!—чуьрчара доIа до.
–ТIаккха, Ота, дийцахь муха кхелхираIуспа? Къарлур йоцуш борз ма яра иза.
–Тхо Карпат олучу меттехь дара. ХIара вайн санна лаьмнаш а, хьаннаш а йолуш хаза мохк бу оцу нехан. Царах гуцулаш олу. Цхьана Iуьйранна яккхийчу тоьпийн татанаш девлира. Тхо долчу агIорхьа вон цIийза а цIийзаш схьаоьхура хоьънаш. И цхьа хIоъ иккхинчохь хIокху чоьннал доккха ор хIуттура, …-Ота дуьйцучуьра сецира. Чохь тийналла хIоьттира.
–ТIаккха? –хаьттира массарел жимах волчу Юьспас, шен воккхах волчу вешех дерг хааре сатуьйсуш.
–Саьнгар чу  дIалачкъа хьаьдда воьдучуIуспина юххехь иккхира йоккхачу тоьпийн цхьа хIоъ. ХIоъ аьлча а, хIокху сан настарал яккхий хIуманаш яр-кх цара схьакхуьйсуш,–аьлла,шен хечи ког хьала а озийна шен ност схьагайтира Отас.
–ТIаккха?
Iуспа хиллачохь доккха ор дара. Кхо-диъ сахьт даьллачул тIаьхьа, и кхийссарш севцира, тхаьшна карийна йолу меженаш, тхаьшна хIуъчу кепара дIайоьхкира оха каш а даьккхина. Дешначу стаге еса а дешийтира… Дала гечдойла цунна. –Амин, амин.-Чохь юха а тийналла хIоьттира. Шена юххехь Iаш волчу,шен стунвеше Шахьбига а хьаьжна, Отас элира:
–Якъубах дерг суна хууш хIума дац. Цхьана сарахь шеца ши накъост а волуш мостагIий болчу агIора, хIун хьал ду хьажа, вахийтира иза. Цуьнца Шелара Ахамирза а, Сипсу-ГIалара Гамарг а вара. Уьш кхуьй а цул тIаьхьа тхуна гина вац. Цхьана а кепара церан лар а ца хааелира тхуна. Схьахетарехь,уьш дийна бу, миччахь а белахь. Дикане сатуьйсур ду вай, Дикига а, Тоитига а вистхуьлуш дIавогIур волуш а вара. Са ма гатде ала, цаьрга.
     Шахьби вист ца хилира.

* * *

Амма,цу чохь а кхин дIа ден къамелаш хезаш-м вацара иза. Ша тIаме а хьажийна, тIепаза вайначу кIентан сибат юх-юха а дуьхьал хIуьттура цунна…
     Жима волуш дуьйна, кIанта мел лелийнарг, цо аьлларг, динарг  дагаоьхура: кога воьдуш и охьаветтавалар, моттIемаш цо олуш хилларг, цуьнан велхар, велавалар. Кхано тIаьхьа, пхийттара ваьлча, вокхахила воьлча, къонахех тарвала гIерташ забар юьтий, ловзарш дуьтий, хаьттинчух лаьцна доцца жоп луш, аьлларг деш, хьаша-да тIеоьцучу хенахь нуьйран луьйта лоцуш, гIиллакхах, оьздангаллех, стогаллех вуьззина къонах хилла дIахIоьтина волу кIант хIинца мичахь ву, цунах хIун хилла ца хаар,боккха дегалазам, дегаIовжам а бара дена, ша бакъдуьненчу дIаваххалц кийрара дIабала йиш йоцуш.

* * *

 Ота цIавеъна цхьа бутт сов хан яьлча цIакхечира Тоитин жимах волу ваша Дауд. ТIамехь чевнаш йина заьIапхо хиллера цунах.
     Хьалха-МартантIера шен доьзалца цхьа буьйса а яьккхина шолгIачу дийнахь кIотара хьала веара иза.
–Тоита…,–йиша шен цхьаъ бен боцчу пхьарсаца тIеозийра цо,–шек ма яла. Якъуб а ца вогIур ву. Со эцца хIара пайда боцу чевнаш а хилла цIа ваийтира. ТIом а кестта дIабер бу бохуш дуьйцу массара. Ма елхал! Мегар дац!
–Дауд, муха лийли хьо, нанас йинарг яла хьан, делаI,–шен цхьаъ бен воцу декъаза ваша маракъевлира йишас.
–Тоьур ду, тоьур ду, ма елха,– шен деса пхьош долу аьрру агIо йишех идош санна дIахьийзара Дауд,–юург кечъел, со хIинца Дика волчу хьала а вахна, юхавогIу. Шахьби?
–Иза а цигахь хила веза,–цхьаъ хатта лууш, эхь хиэташ, ийзалуш сецира Тоита. Дауд хьалха санна юьхь-дуьхьал ца хьожуш, бIаьргаш идош хиларна а реза яцара иза. Дог а дассаделлера. Кийрахь цхьа ша болуш санна хиэтара.
–Валол кIант, хьала а гIой цара хIун дуьйцу ла а догIий схьавола.
Чу бIегIаг а юьллуш йохйина неIармачаш кога а юьйхина, арахь бIаьстенан юьхь елахь а, кху ламанийн басешца шийло яра, шен кетар а юьйхина, месала кIайн куй коьртах а боьллина аравелираIумар-Хьажа. Пена юххехь лаьтташ яра Дикас кхунна пхона серех йина йолу ког-салазаш. Лакхара охьавогIуш дика хир ю шена аьлла, и ши салаз белшех а тесна, жимма макхделла,Iаьржа бос а эцна, юкъ-юкъехIуьргаш лилхина Iуьллучу лайлахула хьала йоьдучу некъан лорах хьалаволавелира иза. Стигал сийна яра наггахь кIайн марха а хаалуш. Шуьйра тIемаш даржийна аьрзу цхьанна меттехь лаьтташ санна хетара. Некъан шина а агIорхьа лай тIехь хаалора акхарой а, олхазарийн лараш. Цхьаерш тай тоьхча санна нийса дIайоьлхура, вуьйш дIасхьа хьийзара, гуонаш дохуш санна.
ЦIаьххьана кхунна юххерчу коканан кулла кIелхьара дIаиккхира лергдеханиг. Пхонан дечигаш тIехь Iачу хьаргIанийн маьхьарий девлира.
Шел жимма хьалха араваьлла хьалавоьдучу Даудна тIаьхьакхиира Iумар-Хьажа. Ненавешин буолар сиха дацара. Цо шен аьрру ког а кхоош санна хийтира кIантана.
–Хьо ву и,Iумар-Хьажа?-аьлла юха хьаьжира Дауд, шена тIехьа хьуьхавоьлла вогIу кIант туосавелча.
ХIара шиъ цхьаьний Дикин уьйта кхечира. РагIу кIелахь гIомат тоеш воллура Дика. Шахьби цунна гIо деш вара.
–Ирс долуш хуьйла хIан, Дика!—элира Дауда.
–Далла воьзийла! Ой, Дауд хьо вац хIара? Хьо мичара вели?–Дика леррина хьаьжира хьеше.
–ЦIа веа-кх со а,–шен десачу пхьуйшах чохь боцу пхьарс схьалаца гIерташ санна аьтту куьг хьаькхира Дауда.
–Дика ду-кх цIа веъна. Эзар балех ваьлла хуьйла. Хьуо вуй хьо?
–ХIаъ…
–Дика, доIа дехьа боьршачу стагна тIера,–аьлла бIаьргех хиш охьа а хьовдуш шен аьтту куьг хьала лецира Дауда.
Дикас доIа дира. Фатихьат дешначул тIаьхьа Дауда элира доьхначу озаца:
–Дала гечдойла Якъубна. Шу марша, кхалхар нисделира цуьнан,– шен кучан хьалхарчу киснара схьадаьккхина кехат Шахьбига дIакховдийра цо.
–Тоитига хIума ца аладелла, схьавогIу со. ХIара кехат а шаьш дешначул тIаьхьа дагаде. Тоитин карадодахь даиманна а дегаIийжам хир бу цунна. Якъуб дIаваьллийла-м ца хаийтича а, тезет ца хIоттийча ма ца йолий,–элира Дауда.
–ХIун ду цу тIехь?—хаьттира Дикас.
–Ахь дIадешахь,–аьлла Дауде юха кховдира Шахьбис и кехат.
Дауда эгочу куьйгаца схьадаржийра кехат. Иштта дегочу озаца дIадийшира цо и йоза:

«Маршалла ду шуьга Дада, Шахьби, Тоита, Дота,Iумар-Хьажа,Iела-Хьажа. ХIара йоза аш доьшучу хенахь со бакъдуьненчохь хир ву. Сан йиснарг кIезиг хан йолу дела, шекъа а ца хиларна, куршки чохь охьа ихна долу сайн цIий а гулдина язйо хIара, цундела цIен бос болуш ду хIара хьаьркаш.
Йоккхачу тоьпан гериг кхетта гIогIдаьккхина сан, кху чевнех кIелхьарвала а, дийна виса аьтто бац. Делахь а Делан карахь дуйла-м хаьа суна дерриге. Сайна цуьнгара къинхетам а, гечдар а доьху.
Шуьга а доьху ас сайна массо а къинтIера валар.
Со шуна массарна къинтIера ваьлла…ХIара кехат ас Дауде дIа ло…Марша Iойла шу…Тоитина ма гайталаш хIара кехат…Якъуб….»

Даудера кехат схьа а эцна леррина цуьнга хьажа а хьаьжна, Дикас элира:
–ХIара кехат даго деза. Валол чуьрчу товхичуьра хаьштиг схьадал. Шахьбис хаьштиг а деъна кехат дагийра.
–ХIун дийр ду ткъа! Иштта язделла хилла-кх. Тезет хIотто еза. Же хаам бе массаьрга а, хьуьлла доханкертахь лаьтта сту а бе, сагIа а даккха. Сиха лела!-Шен вас а, цатам а, лазам а кхарах лачкъо гIерташ чу вахара Дика.
Хьалхалера дахар дIаделира.
Хьийцаделла схьагуш хIума дацахь а, ткъолгIачу бIешаро нохчашна бан леринчу Iаткъаман, бохаман, зуламан хьалхара цинц Дикин керта кхечира.
Дикин кертахь а тезет хIоьттира. Цхьа-ши бутт баьлча чевнаш юхахьа а евлла, цомгуш хилла кхелхира Дауд а.
Цхьаъ бен воцу ваша а, уггаре а хьоме волу дуьххьалера кIант а воцуш йисира Тоита.    

* * *


«Шипсаран» топ

 
Iедалца а,Iедалан векалшца а цхьаьна а кепара уьйр яцара Дикин.Iедалан векал ву ша, аьлла къорза барзакъ а дуьйхина шена хаавелларг башха тергал а ца вора цо. Иза царах ваша ца вешара
–Ша къуонах верг лелар вац,Iедалан белхало ву ша бохуш, мискачу нахана ницкъ беш, гIийланиг хьийзош,–олура цо.
–Массо а ма вац иштта ледара, цхьаберш мискачарна гIо деш, нийсо лело гIерташ а ма хир бу,–шега аьлча;
–Хила а мега, хьанна хаьа, амма сан шовкъ яц-кх цаьрца,–олура Дикас.
Хьанал къахьоьгуш, нехан хIуманна тIе бIаьрг ца кхарстош, куьг ца кховдош, ваьхна а, иштта баха шен доьзалш Iамо лиъна а вара иза. Цундела цхьанна а хьалха, Дела ша воцчунна, ша декхарийлахь ца хетара цунна. Кху тIаьхьарчу хьенахь налог йогIу шуьгара, бохуш, схьахIуьттучу пурстоьпаша а дог этIадора.
ХIун налог ю? Я хIун ю и?—аьлча.
–Хьайн тароне хьаьжна лаьттан тIера, дохнна тIера, гIишлош тIера ял яла еза пачхьалкхана,–олий, хIара кхето гIуртура баьхкинарш.
–Пачхьалкхо, суна хIун дина, хIун деъна?—хIоттура Дикас.-
–Шаьш суна схьадеънарг, схьаделларг ша дерриг кху кертара дIадахьа мегар ду шуна. Схьагайтал шаьш а, шун пачхьалкхо а суна бина дика болх а, шаьш кху керта деъна напха а, дуьненан рицкъа а,–олий тIечевхира Дика баьхкинчарна.
Кхуьнга ала а дийцаа хIумаъ ца карадой, дIабоьлхура уьш.
Къаьсттина дог этIадора цуьнан оцу цIуьхIаршна хьалхаяьлла лелачу мичара хьенан ю а ца хууш йолчу Махьма бохучу канцIоло. Вийца да а волуш, цхьана оьздачу цIентIера схьаваьлларг-м царна юккъехь нис а ца лора.
ХIора беттан коьртехь гучубовла безаш бара уьш. Сийсара бутт цIинбеллера. Тахана хьалакхача мега и чангIалкхаш, бохуш ойланаш а еш, пенах тоьхначу истанга тIехула кхозу шен «Шипсаран топ, шен жималлин накъост, схьа а эцна, уча а ваьлла даьтта а, бехчалг а цIула серах бина буьххьехь и бехчалг чекхъяккха даьккхинаIуьрг долу чIу схьа а эцна, топ цIанъян охьахиира Дика. Шена юххе истанга тIе охьа биллира цо оцу тоьпаца ша цхьана хенахь эцна хиллачу ткъе итт патармехь бисна болу тIаьххьара кхо патарма а. Важа патармаш цо наггахь Iаьнан муьрех керла диллинчу лай тIехула лар талла воьдий, экханна кхуссуш хIаллакдинера, кхин экха дийна аьлла а дозалла дан йиш йолуш а вацара иза. Экханна ша кхуссург кхетарна кхоьруш санна йожайора цо топ. Делахь а, герз хIусамехь хила а деза, товш а ду. Цунах пайда эца и кхосса ма дезийла вай веччуна цхьанна а…   
 
* * *

…Аьхкенан юкъ яра. Шахьби хIинца Лечан хьехара чу кхаьчна воллура. Лечан хьехахь буьйсанаш а йохуш, шайн дохнах бIаьрг тухуш цигахьIаш вара Ота. Иза кхин нахаца чIир йолуш лурвоьлла лелаш-м вацара. Делахь а МартантIера пурстоп волу Махьма, шена тIаьхьа хIиттийна пхи-ялх хьадалча а волуш кетIа оьхуш, хьо дизартир ву, бохуш, ша хьо Iедале дIалур тIаккха цара хьуна тоьпаш тухур ю, бохуш, кIордийнера. Цкъа-шозза цхьацца уьстагIа белла дIа вахийтинера. Кхин тоха са дацара. Я и Махьма, я цунна тIаьхьа хIиттина лела дийца тайпа а доцчу и цIуьхьарех цхьаъ вен веза. Я церан ка яьлла кхарах цхьаъ вала тарлора. Эца чIир а йоцуш къен велла стаг хьулура церан карах велларг. Шаьш Iедалан белхалой ду, паччахьан векалш ду бохуш, даккхий хабарш а дуьйцуш, шайн ворхIе а ден ца хилла говраш а, герз а каракхаьчна, гIадбахна хьийзара, уьш мацах ирх охка кечбинчу нохчашна кIелхьара гIант дIадохуш леллачу Хьамзин кIантанан Махьмина тIаьхьа а хIиттина.
     Луьрачу тIеман кIуьрах чекх а ваьлла, шеначулла дуьне а гина волчу Отина-м уьш хIун ю а, мел ю а хаьара. Царах диканна а, вонна а хьакхавелла бех ца вала дагахь Лечан-Хьехе хьала вахнера иза. Наггахь шен доьзалш, гергара нах болчу охьа а вогIуш. Башха гена меттиг а яцара иза. ХIорш Iачу Гилхан-Ирзина Къилбехьа долчу дукъал тIехьа дара и хьех.
     Иштта Ота волчохь луьйш-олуш жимма хан а яьккхина, Мартанал сехьа ваьллера Шахьби.Iумар-Хьажа уьйтIарчу кхура кIелахь шен секаIад тодеш воллура. Тоита лакхарчу ирзера охьадугIучу Iина йисттехь хIуманаш хи чу хьакхош яра. Кхеран цIийна юххехула а болуш хьалабоьдура Дика волчу агIора готто ворданан некъ. Лахара хьала цхьа гIугI догIура.
     ЖIаьлла гIалх дан доладелира. Уьйтахь ежаш лела цIен-къорза, бероза а котамаш дIаса а лохкуш, дур эцна басахь хьала тиллира пхи-ялх бере. Царна тIехь кIайн духар дара, цIен погонаш яра белшаш тIехь, галпеш йолчу хечин тIехь цIен асанаш яра.
–Деллахь ма хьашт доцург леладо-кх аш.—аьлла араиккхира Шахьби, коьрта куй а туьллуш, шен ворхIаза йолучу тапчан чохь патармаш мел ду хьожуш, тапчин бера а хьовзош.
     Дика волчу агIорхьа лакха ирзе хьала ведира Шахьби.
–Ма гIолахь цига. Схьавоьл, Iумар-Хьажа, сун гIо дел.—бохуш Тоитас тIаьхьа мохь бетташехь, шен сера-дина хиъна, дечкан тур а даьккхина Шахьбина тIаьхьа хаьхкира кIанта.
      ХIара шиъ лакхарчу ирзе хьала кхачанза вара, цигара Дикин буьрса аз схьахезча.
–МогIа нисбе, заддаш! МогIа нисбе! Шипсаран тоьпан патармаш атта карош бац! Цхьаъ бен патарма байа ца лаьа суна! МогIа нисбе!
      Хьалха вогIуш Махьма а волуш, кира баса бирзина йорт эцна богIура Дикин кхайкхаза баьхкина хьеший. Шахьбих бIаьрг кхетча, жимма оха озийна шайн говрийн болар лагIа деш, Махьмас элира.
–Шахьби, дIасацавехьа и хьераваьлла стаг.
–И-м дIа сецна хьаха вара, аша витахьара ша волчохь. Шун хIунда доьлху и волчу?
–Налог схьа ца ло цо.
–Цо лур а яц шуна налог. Цуьнца долу шайн гIуллакх соьца дийца,–элира Шахьбис.
     Налог-м Шахьбис а ца елира царна, делахь чу а кхайкхина шун хIоттийна жимма хьошалла а лелийна дIабахийтира.
   

* * *


Миклайн заманан чаккхе.

Ота бакълуьйш хиллачух тера ду,–элира бIаьстенан юьххьерчу цхьана дийнахь МартантIера цIа веанчу Шахьбис.
–ХIун бохура цо? –цецъелира Тоита
–Дера бохура, Миклайн Iедал дукха лаьттар дац?
–Таккха?
–ДIадели, боху,Миклайн зама дIаели, боху.
–Хьан боху иза?
–Массара а боху. Шен дарж дуьту ша, аьлла, дIакхайкхина.
–Ткъа наха хIун дийр ду?
–Муха хIун дийр? ПаргIатбевла-кх нах. ХIинца пурстоьпаш а хир бац.Iедал дац.
–Iедал  доцуш муха мегар ду, ва стаг?—Цецъелира Тоита. Иза-м  гIеххьа кхера а елира, шен бераш а, церан а, массо нехан а хиндерг дуьхьалтесча. Цхьа Iедал, цхьа низам ца хилча муха мегар ду халкъ? Оццул чIогIа ницкъ болуш Iедал долчу, хенахь а харцахьа лелаш хилларш ма карзах бевр бу…
 Шахьбина-м боккха кхаъ хилар гуш дара
–ХIинца массо а обарг маьрша ву, нагахь цунах нехан пхьа бацахь.Iедалца
ийгIина хилларг тахана дуьйна паргIат ву. Керла Iедал хIоттийна, боху цара. Цхьаъ ца хилча мегар доцийла-м массарна а ма хаьа. Са магатдехьа,Тоита, цхьа Iу воцуш дуьсур дац вай.
–Кху берех къахета-кх.
–И Миклай мила ву?—хаьттира кхаьрга ладоьгIуш, шен тептар а, шекъанан къолам а охьа биллина Iаш волчуIумар-Хьажас. Тоита яра цунна Iаьрбин йоза Iамош. Юха шарахь Мартанчуьра хьуьжаре Молла-Исраил волчу деша дIагIур ву, аьлла а дара.
–Миклай Петарбухера ерриге а Россин паччахь вара.—элира Шахьбис.
–Паччахь иза дожал ву.
–Ву.
–И дIаваьлла?
–ДIаваьлла! Хьайн йоза Iамаде, дукха а ца луьйш!
–Ба-би-бу! Да-ди-ду! Са-си-су!–бохуш мохь бетта волавелира Iумар-Хьажа, элпаш тIехула пIелг а шаршош.
   Цуьнга а хьаьжна вела ца вала гIерташ, корта а ластийна, аравелира Шахьби. Шен невцана Отина а, кхин болчу накъосташна а и шена хезна хаза кхаъ бовзийта аьлла, сихвелла вахара иза. Бокъалла а цхьа дика хуьлуш, тIом дIаболуш, хьалхалера беркате зама юхайогIуш хIума хиларе сатуьйсура Шахьбис а, дукхах болчу нохчаша а. Йоккхачу Россехь бехаш болу массо а миска нах а хир бар-кх, Миклай дIаваьлча, цуьнан метте дика паччахь хIоттаре сатуьйсуш…

* * *

Амма нахана моьттург ца хиллера дукха хьолахь. Замано ха хорцучу,Iедал хийцалучу муьрехь оьзда нах а,Iеламнах а ладоьгIуш Iашшехь, мичараевлла ца хууш йолу цхьа чангIалкхаш гучуйовлура. Царах цхьан а вийца да волуш а ца хуьлура. ХаьнтIе дечиган хумпIарш а ухкий, даккхий хабарш а дуьйцуш, кегий нах йохье а бохуш цхьана къийсамна, цхьана нохчашна оьшуш доцчу, цхьана а къомана,  мискачу халкъана а оьшуш доцчу нехан девнна юкъе а озабой, и нах хIаллакбора.
     ГIазкхийнIалхан-Юьртахь а, Соьлжа-ГIалахь а тIемаш бу. Ерриге а Росси а тIом беш ю. Ленин бохуш цхьа керла паччахь ву боху хIинца. Иза дуьненан шайх ву, дика стаг ву, кериста велахь а бохуш дуьйцу цхьаболчара. Кхечара иза Делан мостагIву боху. Селхана хаза бертахь бехаш хилла доьзалш барт боьхна шина декъе бекъабелла, юьртахой а иштта шина ойланехь бу…
     Нахана юккъехь эвхьазло яьржаш лаьтта. Нах боцу нах хьаькмаш хуьттуш бу.
    Зама сихъелла йоьду. Iумар-Хьажин деша вахар дуьсу. Кхин деша меттиг а яц.


… Иштта луьрачу, къизачу муьрехь дIадоьдураIумар-Хьажин бералла. Цу шарахь дIавелира Дика а, цIаьххьана цомгуш а хилла…
   
* * *

 ТкъолгIачу бIешеран ондда болатан болар хаалора нохчийн яьрташкахь а. Яккхийчу гIаланашкара, тIеман аренашкара кхузарчу хотешка а, ирзошка а схьакхаьчнера  «революци», «кIайнаш», «цIенаш», «Ленин» боху дешнаш. Церан маьIна хIун ду хуурш кIезиг бара. Царна уьш кхераме дешнаш дуйла, нохчашна цара дика болх бахьар боцийла а хаьара оцу дешнийн маьIна а ца девзаш, кхана шайна хилла тарло бохам а ца гуш, «сходка», «митинг», «машар», «барт», «нийсо»,–бохуш маьхьарий а детташ цIечу бехчалгех байракхаш а йина буьйлабелла хьийзаш цхьа берш хаалора. Царна къаьстина чIогIа марш баьттIера. «Революцин цIарах» олиц  дора цара шайн рогIера зулам. ЧангIалкхийн арданг санна тIелетара уьш шайн ворхIе а дайшкара дуьйна хьанал къахоьгуш закат деш, маьрша бехаш болчарна. Наггахь санна оцу кертара шайна дуьхьало ян таро йоцийла хиъча. Амма цу кертахь шайга забарш лелайойтур йоцийла а, керт эвхьаза йоккхуьйтур йоцийла а хиъча, ишттачу меттигна геннахула гуо боккхий тIехбовлуш а хилла уьш.
    
* * *

Иштта, комиссар ву ша, бохуш, цу хенахь лелаш хилла цхьа стаг. Ушаев Мазлакъ хилла цуьнан цIе. Кхин болу большевикаш, а делан мостагIий а санна, нохчашкара нохчолла а, къонахалла а дIадоккхур ма ду ша аьлла, араваьлла хиллачу тера ду иза. Ца хилча шен ма-хуьллу, нохчий  осалбаха гIертар вацара иза.
ХаьнтIахь кхозуш дечиган ботт а йолуш, цу чуьра схьаяьккхина буйнахь ловзаш ткъе пхоьаза йолу «маузер» а йолуш, Ведана гIопе хьала боьдучу новкъахь лаьтташ хилла бохура иза цхьана дийнахь…
Оцу муьрехь ерриге а нохчийчохь вуьйцуш вара иза. Баккхийчара хьехош,Iумар-Хьажина а хезнера хIара хилам…
…Наггахь и «маузер» ирхъерзайой кхосса а кхуссуш: «Же, же сиха лела!»–бохуш мохь а бетташ хьийзаш Мазлакъ хилла. Лахара хьала йоьду ворда а саца йой, цу тIехь болчаьрга тIулгаш кхоьхьуьйтуш и некъ то бойтуш белхаш бойтуш хилла цо дийнахь сарралц. ГIаш вогIуш верг, говрара бере а иштта сацавой тIе тапча лоций вацош хилла.
Иштта ша шех а, шега цу муьрехь кхаьчначу даржах а, оцу даржо еллачу таронех а гIадъоьхуш, гуттар кач а велла и воллучу заманчохь ламчуьра охьа вогIуш цхьа бере хилла,
–Же, же! Сихха охьа воссал! Жимма болх бан безар бу,–аьлла салам-Iалам а доцуш, вахна беречунна дуьхьал ваьлла Мазлакъ, говран урх схьа а лоцуш.
     ТIекхоьллинаIаьржа верта а долуш, бIаьргаш тIе теттина месала кхакханан куй а болуш, аьрзунан зIок санна чухьаьвзинчу боккхачу мер кIелахь бIоржамаш санна долу ши мекх а долуш волу бере шек а ца ваьлла.
–Хьуна хезий, къора-м вац хьо? Же  сиха восса хIокху алаши тIера!
–Ахь хIун боху соьга?—хаьттина дошлочо.
–Болх бан беза боху. Гой хьуна-м хьуьлла бохкурш. Массаьрга а болх бойтуш ву со. ХIара паччахьан некъ тобан безаш бу.
–Соьга-м бойтург хир бац ахь и болх!—аьлла говрахь волчо аз а ца хуьйцуш.
–Бойтур бу!—цIогIа даьлла. Мазлакъе –со  бен мила ву бохучаьрга бойтуш лаьтташ вай со-м кхузахь. Чехка восса!
–Соьга-м бойтург хир бац ахь и болх,–аьлла шен вертанан тIемаш юккъера араяийтина пхоьазза йолучу тоьпан шийла биргIа Мазлакъан некха тIе гIортийна беречо.
     Оцу болатан чIижаргIе а, куйнан месаш юккъехула схьакъерзачу некъахочун буьрсачу бIаьргашка а, хьаьжна,  шен «маузер» карахь йолу куьг охьа а дохуьйтуш, говран урх дIахецна комиссара.
–Собар! Собар! ДIавало! ДIагIолахь хьайн гIуллакхе! Некъ дика хуьлда хьан! Аса сецош берш хьо саннарш бац,–аьлла юьстах ваьллера, минот хьалха хIара дерриге а дуьне шен когаш кIелахь хилла цаIаш, шен лаамна кIелахь а ду моьттуш, гIадвахна хьийзина Мазлакъ…
 
* * *

…Доьхна а, даьржина а хилла адамаш цу заманчохь. Делахь дуьненан ловзарех а, карчамех а, адамаш  карзахдовларх а, хьере хиларх а боха а ца бухуш. Цхьа де барзехь  а ца  лаьтта, хийцамаш хиларх нах баха безаш а бу, доьзалш кхио беза, хьаша-да лара веза, загIа лело деза, бохуш  шайн хьанал сискал а йоккхуш къахьоьгуш болчара латтиана а, лардина ду а дуьненчохь долу массо а диканиг.
     Шайн цIинан тхов тIе а а ваьлла, хьалхарчу дийнахь баьллачу мохо геригаш йохийна , чукхиссина а йолу меттигаш тоеш, ладарш чу эхийта,Iаьнна кечам беш воллуш хиллера МартантIера Саьлмирза. Цуьнан вокхах волу кIант Ахьмад дена улла а хIоьттина оьшург схьакховдош, накъосталла деш хилла.
     Урам новкъахула схьайогIуш цхьа тоба хилла. Хьалха ваьлла кхо-диъ шо хьалха, паччахь заманчохь пурстоп хиллачу Махьмин кIант МутIелап а волуш. МутIелап  хIинца большевикийн комиссар вара. Ткъа цуьнан да Махьма луларчу суьйлийн махкахь комиссар хIоьттийна бохуш а дуьйцура.
     МутIелапна тIаьхьахIоьттина кхо-виъ нохчийн жимха вара. Массаьргахь а тоьпаш яра. Ши говр йоьжна ворда а яра. Цхьа бIаьхо ворданахь вара. Ворданан цIа чохьIохкуш хьаьжкIаш а, ахьар а чохь галеш дара. ХIоаш чохь тускар а, бакъийна дума а, когаш бихкина чукхиссина кхо-йиъ котам а, ворданна тIаьхьа тесна далош цхьа шинара а дара.
     Царна тIаьхьахIиттина  схьадогIуш пхеа-ялх шарера, пхийтта-ялхийтта шаре кхаччалц хир долуш иттех бер а дара. Лакхара тхов тIера чухьаьжча оцу берашна юккъехь шен кхойтта шо долу кIант Мохьмад а хаавелла, чу мохь туьйхира Саьлмирзас
–ХIей воьдург, ахь хIун до? Юха, верза!
–Дада, со хIинца схьа вогIу хьуна.
–Стенга воьду хьо? ХIун леладо аш лела мукъане?
–ХIорш хьал долчу нахера натурпалаташ йоккхуш бу. Тхо хьовсуш ду.
–ХIун палаш?
–Натурпалат! Натурпалат ю.
–Йитахьа и натурпалаш, важа палаш а. Схьавол тхов тобан беза, божал дохдан деза.Iа ду вайна тIе догIуш. Болх бан беза! Схьавола йита и палаш а, и шайтIанан базар а.
     Натуроплата олуш йолу большевикаша тоьхна налог хьалдолчаьргара яьккхина цаIаш, мискачаьргара йоккхуш хиллера цу халчу хенахь.
    
* * *

ГIалара а, районера а агитаторш а баьхкина юьртахой а гулбина къамелаш деш хиллера. Цхьана балшевика аьллера боху:
–Советан Iедал шун Iедал ду шуна. Боданера,Iазапера массо а миска стаг серлонга воккхуш , малхе воккхуш, шун дахар тодеш, хаздеш ду советан Iедал.
–Дера бакъ луьйш ма ву хьо!—аьлла хьала гIаьттинчу цхьа мискано.—ЦIена бакъдерг ду-кх ахьа бохург. Со эцца эвла йистехь цхьана лаппагIи чохь Iаш ву сайн доьзалшца. Аьнгали ца карош  мох чу ца хьекхийта, аьлла, коре тесна цхьа тишачу палсан кийсиг яра тхан. Селхана хIокху советан Iедалан векалша натурпалат йогIу шуьгара аьлла, схьаэца тамехь тхан беа пена юккъехь кхи хIума ца карийна, и корехь кхозу палсан кийсаг дIаяьхьна. Тахана Iуьранна схьакхетта болу малх а тхан чохь бу. Мох а хьовза бо наггахь чухула. ХIаваъ а цIена ду. Гуттара чIогIа малхе девлла, бода дIа а баьлла, серлонге кхаьчна, гIаддахна Iаш ду тхо-м. Дела реза хьуьлда шуна. ХIара советан Iедал а, шу а дацахьара йиш яцар-кх тхан…
   
* * *

 Иштта муха йолу а ца хууш дIаелира Миколайн зама. Цхьаболчарна иза ирча гIан ду моьттура: «кхана лама, хIара массо а болшавик а, комиссар а дийнахь стогарш а летош лохур бу, ирх ухкур бу, хIаллакбийр бу. Зама юхьахийцалур ю»–олура цара.
     Амма бехк барий-техьа заманан? Ма атта ду-кх зама бехкен ян, нах бехке  бан, дерриге а дуьне бехке дан. Цхьамма ша бехке ца во. Ша цхьа воккха, декъаза миска хета хIоранна а.
      Шен хIун бехк бу хьажа веза массо а. Ша хIун дира хIара зама дика хилийтархьама, кхин долу адамаш дика хилийтархьама?—боху хаттар хIотто деза хIораммо а ша шена хьалха. Зулам боху мокха саьрмик  хIоранан а кийрахь бижна хуьлу. И самабаккха мегар дац. Иза ямартло а, мекара а, зуламе а экха ду. Кху дуьненчохь йолчу массо а садолчу хIуманал дастаме хIума ю адаман кийрахь боллу саьрмик.
      И саьрмик хIораммо ша-шен кийрахь, шен даг чохь, шен кхетамехь хIаллак бан беза.
      Гондахьара Iалам хийцаделча шен бос хуьйцуш болу  хамелеон олу моьлкъа санна, басца хийцалуш, амалца, гIиллакхца, маттаца, леларца хийцалуш лела цхьаболчу адамийн саьрмикаш. Уьш дукхаъ ца хуьлу дерриге халкъ а, къам а схьаэцча. Делахь а оцу кIеззигчара дохадо массеран а маьрша, ирсе дахар. Цара эрчайоккху муьлхха а зама. Цундела ас бехке ца йо цхьа а зама. Бехк адамийн бу. Шайн Iосаллах, шайн ледарлонех, шайн къинойх жоп ло цара массара а бехке болчара, бехк боцучара а.хIинцалца цхьа иштта схьадеъна дуьненах дахар. Кхана-лама, я гергарчу бIешерашкахь и хьал хийца лур ду ала а хала ду.
     Делахь а, саьрмик тоьлла хан кIезиг яхло. Диканиг алсам ду дуьненчохь. Диканиг тIаьххьара тоьлур а ду. Заманаш а хийцалур ю, хIинца дIаяхна Миклайн зама санна…
…Бакъ луьйш хиллера Ота.




* * *

Довтлмирзин хьеший.


 –ДоттагIчуьнгахь хIун хьал ду хьажа вайшиъ?—элира Бауддис шен когах дахна кIохцал схьа а доккхуш, верриг а чIечкъина бат раз а йоккхуш.
–Ваха мегар ду,–резахилира Iумар-Хьажа а шен хечин когех летта вирбаьIаш схьа а дохуш. ХIинццалц цIазамаш лехьош а, уьш дууш леллера и шиъ когашIуьйра оцу юьккъачу бацалхула а, ярашлахь а.
Коьртачу месех летта а хаалора цхьацца болу баI. балдаша а, куьйгаша а цIазамийн бос эцнера. Юххерчу шовдан чуьра шаьшшинна  шийла хи а мелла, Марта гомха долчу меттехь хи чу-хула, цинцаш дIаса а кхуьйсуш уьдуш, хи кIаргделча юьстах волуш, айма йолчу кхаьчча, ткъа кхузара айманаш кхушинна массо а евзаш яра, тIера коч-хечий охьа а тосий хи чу кхоссалуш, юха жимма малхехь вакъа а лой, хьалаволалуш, шаьшшиъ башха сиха ца хилларе терра, схьавогIура ши кIант…
   
* * *

…Мемат тогIийчухула лакха хьала воьдуш Берам хара олучу метте дIакхачале Мартано гола тухучохь хи йийстехь лаьтташ яра цхьа лаппагIа. БIаьлланг серий дуцуш дина диъ огий, жимо сений яра. Цхьа неI а, цхьа кор а дара. Чохь йина товха яра, хьалхахула нийсса ирх йоьдуш туьнкалг а йолуш, тIера беда поппар хьаьхна бара.
     ТIуртIузан Бауддий,Iумар-Хьажий цу заманчохь дийнахь сарралц цхьаьна хуьлура. Наггахь дукха идда а, харцахьалелла а гIелвелча, цхьаний набарш кхетта Iуьллуш а каравора хIара шиъ я  ШахьбигIаьргахь, я  ТIуртIузгIаьргах. Цхьайтта-шийтта шераш долчу шина кIантана дан хIума карадора.
    
* * *

Вай лакхахь йийцинчу лаппагIи чохь Iаш вара Довлтмирза бохуш цхьа стаг. Иза мичара ву а, я хьенан ву а хууш да вацара. Цуьнан мел хан ю а ца хаьара цхьаннаъ. Хетарехь кхузткъей итт шарал тIехваьлла хир вара иза. Вуткъа лекха а волуш, гIеххьа яьлла сира маж а йолуш, шатайпана лепаш бIаьргаш а долуш вара воккха стаг.
     Наггахь Тоитас  сагIина Довлтмирзмина дIало олий сискал а, хох а, дакъийна жижиг я мохь йохуьйтура кху шинга. Оццул бахьана даьлча гуттар воккхавеш воьдура хIара шиъ.
НеIаре дIакхаьчча
–Ассаламу Iалайкум!—олий вистхуьлура Iумар-Хьаьжа.
–ВаIалайкум ассалам!—олий салам дIаоьцура лаппагIи чохь волчо.
     Кху шимма тидам бинера мосуьйтаза а;Iуьйранна а, делкъана а, буса а, буьйса юкъал тIехъяьлча,Iуьйкъа хенахь Довлтмирзин лаппагIи эххе а вахна цхьаммо чIогIа мохь а ца тухуш, мелаша: «Ассоламу Iалайкум» алахь, оцу неIар тIехьара: «ВаIалайкум  ассалам!»–аьлла  схьахаза дезаш дара. Инзаре хетара кху шинна иза. Дан а дара и тамашийна хIума: ша набарха валанза воллушехь Довлтмирзина «салам» хазар а, цо и дIаэцар а. Кху шимма Довлтмирзех ДоттагI олура. Цо кхарах а олура ДоттагI. Иштта шайн дIа хилла барт бара кхеран.
–ДоттагI, хьуна Тоитас цхьацца хIуманаш яийтина, сагIийна аьлла
–Чувола!—элира хIусамдас.
      Ши кIант чоьхьавелира.
–Ассаламу Iалайкум!—элира Бауддис.
–ВаIалайкум ассалам!—аьлла, ша Iуьллучу поднара тIера хьалаиккхира Довлтмирза.
–Шуьшиъ ван могуш-маьрша.
–ХIан,–аьла шегара ларча дIакховдийра Iумар-Хьажас.
–Дала сагIа йойла шун хIорш. Тоита ю-кх диканиг. Ялсаманехь ю цуьнан меттиг. Охьахаа ший а.
Ши кIант охьа лахло. Къамел хеда. Довлтмирзица къамел дан чIогIа хала ду. Наггахь бен вист ца хуьлу иза.
–ДоттагI!—олу Баудис,–ма шийла ю кху чохь. ЦIе латто ца мега ахь?
–ЦIей!—Довлтмирзин ши бIаьрг серла болу. Цхьа тамашийна алу кхерста царна чохь. Шина кIантана хаьа хIусамден дог эца. Кхерчахь цIе латтор уггаре а Довлтмирзина дукхадеза, цуьнан самукъа долу гIуллакх ду.
     Наггахь оцу кхерчахь дIабанза бисна цхьа суй белахь, цунна гонах чIеш а дохкхий, цхьа ши хаьштиг тIекIел а дуьллий, пеша хьалха охьа а лахлой, чу хIуп бохуш воллуш хуьлу иза. Къар ца луш, беснеш юса а йой, бIаьргаш къарза а дой, кIуьро бIаьргех хиш а оьхуьйтуш, хIуп бохий и цIе хьала латта йора цо муьлхачу хенахь а, шега цIе  лато езар-кх аьлла цхьаммо схьакъадийча.
–ЦIей!—юха шина кIанте а хьаьжна пеша хьалха охьа лахвелира хIусамда.
      НеIарех лаьтташ йолчу гIуммагIчу хи а доьттина аравелира Бауддий, цуьнан тIаьххье Iумар-Хьажий. Кхуьнан белш тIехула хьалатасавелла лохачу лаппагIин бедана тIевелира Баудди. ГIуммагI хьалакховдийра накъоста.
     Бауддис  вахана туьнкалгахула чухийцира гIуммагI чуьра хи. Кхоьссина шегара пхьегIа чу а йоуьйтуш, ша а чу кхоссавелира Баудди. Жима дIанехьо а ваьлла сецира хIара шиъ, дIаэккха кийчча.
     Чохь вон мохь белира. НеI схьа а йиллина араиккхира Довлтмирза. Цуьнан юьхь а, корта а, маж а цхьана овкъарган басахь дара. Къаьрзина бIаьргийн кIайн бен къаьсташ хIума дацара цуьнан юьхь тIехь.
–Схьавоьл ший а. Ашшимма хIун дора? ХIара-м даккхийчех даций! Шуьшиъ жима ву хIинцаъ. Вокккха хилча хуур ду шуна, хIара  хIуммаъ доцийла. Схьавола ший а.
–ХIан-хIан доттагI!—элира Iумар-Хьаьжас, хIинца дIа ваха веза тхойшиъ. Жимма Iийна юха вогIур ву тхойша. ТIаккха ламазаш дийр ду вай.
–И мегар ду. Ламаз хан ма тилийталаш. Аса хетале товхи чохь цIе а латор ю.
     Ши кIант дIавоьду. ХIинца дIавахар гIолехь ду. ТIаьхьо, жимма хIусамда кIадвелча, сахьене ваьлча, юха вогIур ву и шиъ. Цу шинна хаьа, цхьа сахьт даьлча Довлтмирзина хIинца хилларг дицлур дуйла. Дицлахь а, я ца дицлахь а, цо иза кхин хьахор дац. Я кху шинца дегабаам а, вас а лелор яц. Иза а зеделла кху шинна.
     Вуьшта кхечу нахаца иштта тарлуш а вац Довлтмирза. Делахь хIокху шинца дика ву иза. Кхарна могуьйт-кх цо, кхечарна цхьанний ца могуьйту дерг.
     Нах-м хIара вовза а вевзаш, кхуьнца къамеле ца бовлуш, пе бетташ лелаш бу. «Хьанна хаьа хьераваьллачунна цIаьххьана дага хIун догIу? Ларвалар гIолехь ду» олу цара. Цхьана декъана бакъ хила а мега…
   
* * *

…Суоротара охьавогIу цхьа стаг,Iаржлучу хенахь Довлтмирзин неIаре кхаьчча  хилла. Чохь йогуш серло а, тховх хьала оьхуш кIур а гича, буьйса яьккхинехь хIун дара техьа, ша, аьлла сецна хилла и хьаша.
–Ассаламу Iалайкум!—салам делла цо.
–ВаIалакум ассалам!—аьлла ара ваьлла Довлтмирза.
–Хьаша-да тIеоьций аша?—хьаттира хьешо.
–Дера оьцу! Шу догIийла могуш-маьрша! ДIа паргIатъяккха хьайн говр.
     ТIера нуьйр а, таьлсаш а охьадаьхна, алашина баргол а тоьхна, яжа дIахецна цу шимма. Аьхкенан хан а хилла бохуш дуьйцу, цу хенахь. Шайн пхуьйра ламазаш дина Iаш хилла хIорш. ДIавоьллачу Довлтмирзас товхи чохь йоккха цIе хьалалатийна. Буька яй кхе а оьллина цу чу хи доьттина. Юха ара а ваьлла хи йистера гулдина кучан юха чохь тIулгаш а деъна, уьш жIарра аьлла яй чу хецна цо.
     Цул тIаьхьа, неIсагIи юххе гуьйриг тIе охьа а хиъна, шен карарчу доккхачу дагарца цхьа гIаж иръян волавелла.
–Са магатде ахь, сан ваша, кестта жижиг схьадер ду. ТIаккха вайша пхьор а дуур ду,–аьлла хIусамдас.
–Со-м башха меца а вац,–жоп деллера хьешо. ТIаккха, жиммаIийна, иза хьалагIаьттина, аравала дагахь.
–Ахь хIун до?—аьлла шен даккхийIаьржа бIаьргаш къарзош, хьала айавелла Довлмирза.
–Со-м вицвелла Iарий. Эцца Анса ирзехь цхьа хьаша а ма ву сан. Цига кхача везаш а ма ву тховса,—юха а арагIоьртина хьаша.
–Анса ирзехь мила ву хьан? ДIавала хабар а ца дуьйцуш. Тховса ахь хьайх газа  ца хьарчайо хьуна. Со-м  кхин хьеший оьхуш цара хьийзош Iаш ваций кхузахь. Делан беркат ма ду хьо, тховса суна тIедоьссина. Цхьана а метте гIур вац!
–Со ваха веза!—хьаша гIийлачех вацара. Онддачу дегIах, гIеметта хIоьттина могуш стаг вара. Цундела шена хьалхара хIусамда дIа а теттина аравала гIоьртина иза.
     Эццахь шен буйнара диг ойбуш дуьхьала ваьлла Довлтмирза. Хьешо хала а, атта а и диг охьакхоссийтина цуьнга. Амма ара валар нислуш ца хилла. Мазкъйоьлла дечиг санна чIогIа хилла боху Довлтмирзин меженаш. Карзахваьлча, ницкъ шозза алсамболуш а хилла цуьнан. Оцу буса сахиллалц тийсавелла бохура хьаший, хIусамдай.
    Iуьйранна сахиллачул тIаьхьа хьуьнха дечиге боьлхуш болу нах тIе а кхаьчна, цара хала дIаса а къастийна, Довлтмирзин карара а ваьккхина, охьахьажийнера бохура и хьаша…
    
* * *

Жимма лахахьа охьа а ваьлла доккхачу дитта тIера комарш а йиъна, батош а, куьйгаш а, цул сов когаш а йаржбина, веъна юха Довлтмирзин неIаре хIоьттира ши кIант.
–АссаламIалайкум!
–ВаIалайкум салам!—схьахеза чуьра аз.– Чувола ший а.
ХIара шиъ чоьхьа волу.
- Шуьшиъ со волчу ван мегар ду шуна мичча хенахь а. Со къинтIера ваьлла шуьшинна. Делахь а жима-м вац хьуна шуьшиъ. Стагана ша лоьхург карадо, шуна.
     ХIораннах а ша хила гIиртинарг хуьлу, шуна. Стаг хила гIорта! Къонах хила гIорта! Къонах-м стигалах кур туьйсуш ца хуьлий. Кхонах шена тIекхаьчна вон а, дика а лан де долуш хила веза. И охьадогIу Марта хьаладоьдуш ду бохуш цхьаъ валахь, цунах ма тешалаш. Наха хьайца лелон деза гIиллакх, ахьа нахаца лело а дезийла хаалаш …ЦIа гIо ший а …
     Цул тIаьхьа, дукха хан ялале дIакхелхира Довлтмирза. Иза шена къинтIера ваьлла хиларх, воккхавераIумар-Хьажа. Аьрха бералла Мартанан хи санна дIадахара.


* * *



«Хьуо дакъа делахь, Iилла!»

     ХIораннах а ша хила гIиртинарг хуьлу…Дера хуьлу…Стагана дахарехь гуш дуккха а диканиг а ду, вониг а ду. Диканиг лохуш, диканиг деш хила веза хIора а. Уггаре а нахехь Iумар-Хьажийна ца товрг—осалалла яра.
Шалха къамелаш а, нун догIу хIуманаш а, даккхий хабарш а хIуьцIа-пуьцIалгаш а шена хьалхахь а, я шеца лелайойтур йоцуш нигат дара цуьнан, жима волуш дуьйна юьхьарлаьцна. Забар ца хууш я ца евзаш а вацара иза. Амма цунна ца езара хьаьнц-хьаьнца а йолу эвхьазло, дашца елахь а, я хичашца елахь.
     Шен дендас Дикас, мацах хIара жима волуш, аьлла долу цхьа хIума даимана а дагахь лаьттара цунна.
     Дикас аьллера:
–Хьайл воккханиг лоруш а хилла, хьайл жимчуьнца эвхьаза а ма вийла, хьайн нийсархочунна яхь дIа а ма ло—тIаккха цкъан цкъа а юьхьIаьржачу хIуттур вац хьо.
     Цкъа дагца чIагIо а йина, тIе а лаьцна дIа кхехьча, хала а бацара къонахчунна къонах хиларе боьду и некъ.
     Кхо бакъо ю-кх уьш:
     Хьалхьара бакъо: Воккханиг лара! ШолгIа бакъо: Жиманиг лара! КхоалгIа бакъо: Нийсархо лара!
     Ткъа, дIа ладоьгIча, ерриге а вовшахтоьхча, юха а цхьа бакъо хуьлу-кх цунах: Хьо санна долу, дала дуьненчу кхоьллина, адам лара деза.
      Дера деза, олура Iумар-Хьажас ша шега, нагахь иза адам делахь, нагахь цуьнан хьоьца ларам белахь. Ткъа хIун аьлла лорур ву хьуна тIехьашхула шабарш а деш, хьох ваша а ца вешаш, хьоьгара цхьа ледарло яккха гIерташ, нагахь и ледарло хьоьгара ялахь, хьох кхаьрдаш, воьлуш лела кийча верг. Цуьнца я ишттачуьнца ларам хила беза техьа? Иштта хеттарш хуьттура жимчу стагна хьалха даимана. Ша санна массо а стаг ву моьттуш, шен нахаца ца хилча, церан а шеца хьагI-гамо хила гIуллакх дац-кх бохуш, догцIена адам дара Iумар-Хьажа.
     Берахь дуьйна тидамца хьежнера иза баккхийчеран гIиллакхашка, лерина ладегIнера цо нохчийн ширачу иллешка, дийцаршка. Таймин Биболат, Мадин Жаьммирза, Зайтан Шихмирза, Харачойн Зеламха—и цIераш дозаллица йохура цо даима. Къаьсттина дика вуьйцура цо МартантIера Исмайлан Дуда. Вуьззина къонах стаг хилла иза, олура цо. Къонах хила-м хала а дацара олура, Iумар-Хьажас, къонахалла дIакхехьа ду хала.
     Жима волуш дуьйна шел ханна мелла а баккхийчарна юххе теIаш, царна шена хууш долу жимхалла лелош, цара дуьйцучуьнга леррина ладуьгIуш хуьлура иза.
     ХIара иштта лелаш ца лалуш, баккхийчаьрца кхуьнан йолу юкъаметтигаш ца товш, сингаттам болуш цхьа нийсархойн тоба хиллера. Цхьана хIуманна тIехь хIара гал ца волуш, кхуьнгара цхьа  а ледарло ца йолуш, холчохь болчу, цара барт бинера, шаьш цхьанхьа буьйсанна сакъера гулбелчохь
–ХIан-хIан,–аьллера царна юккъех къаьсттина чIогIа шех лаьцна олуш долу дадатIарг дезаш волчу Нажмуддис.—И Iумар-Хьажа дукха чIогIа доьналла долуш, Дела ша воцчух озавелла, бIокъажор боцуш майра стаг ву бохуш долийна цхьаболчара. И бакъ ду я дац хьовса деза вай.
–Муха?
–Вайх цхьаъ велла цIаьххьана аьлла, кеп хIоттор ю. ТIе верта а тесна хIара Салман докъанна метта охьа а виллина, цунна, Ясин доьшуш буьйса яккхахьара аьлла доьхур ду вай Iумар-Хьажига.
–Сох ма делаш дакъа,–аьлла юхахьаваьллера Салман.
–Ткъа хьанах до вай?—ирхкхоссавелла Нажмудди.
–Докъан метта хьо вижа веза,–аьлла дIанехьо тийна Iачу Ахьмада.
–ХIунда?—цецвелира Нажмудди.
–ХIара гIуллакх дагадеънарг а хьо ву, хьовсур ду-кх вай шуьшиннах къонах мила ву. Бакълоьй со?
–Бакъ лоь! Нийса боху,– тIетайра массо.
–Дика ду делахь,–гIеххьа аз малделла резахилира Нажмудди,–со тIе верта а тесна Iуьллур ву. Аш Iумар-Хьажа Ясин деша хааве. Шаьш дIа гIо,Iуьйранна схьадогIур ду алий. Буьйса юккъал тIаьхьа котам деккашехь со меттаххьовр ву, таккха хьовсур ду-кх вай, Iумар-Хьаьжа мел къонах ву, хьаьхь-хьаьхь-хьаьхь!—аьлла ца догIучу дагца велавала гIоьртира иза. Вукхарна-м башха беламе а ца хийтира цо хIоттийна сурт.
–Амма, шу гена ма довлалаш. Эцца кора кIелахь, наьIарна тIехьа а хилалаш. Хьанна хаьа, масане хуьлу дагахь доцург. ЦIаьххьана цуьнан дог вон хилахь.
–Дика ду са магатде ахь. Оха шуьшиъ ларвийр ву хьуна.—аьлла, шел жимах волу Мохьмад дIахьажийра Ахмада.
     Лаьтта цIенкъа юккъе цхьа истанг а тесна, цу тIе гIайба а биллина Нажмуддина Iилла меттиг кечйира цара. Арахь аьзнаш а, жаьла леташ а хезна. «Же-же».—Нажмудди охьа а вижийна, тIехула цуьнан корта кIайла а боккхуш, верта тесира накъосташа цунна гонах дIа а хIиттина тIехьа куьйга лаьцна хIорш лаьтташ чоьхьавелира Iумар-Хьажий, Мохьмаддий
–Ассаламу Iалайкум! ДоIа де!—аьлла дIахIоьттира хIорш. ДоIа динчул тIаьхьа—Дала гечдойла кхунна! ХIун хилла? Муха хилла?—хаьттира цо.
–ЦIаьххьана охьа а кхетта дIавели-кх хIара Нажмудди
–Таккха?
–Тховса кхин хIума лелочахь а дац. Дакъа лийчош волу РаIса а кхана бен хьалакхочур вац, вайн молла СоIдулла а Таьнги-чу вахана цIахь вац. Тховса кхунна Ясин а, кхин долу деза аяташ доьшуш кхуьнца юххехь буьйса яккхалур яцар техьа хьоьга аьлла, кхайкхинера охьа.
–Яккхалур ю дера соьга-м буьйса.  Схьадан  Къоран  а охьадилла. Чиркха чу даьтта а дотта ламаз карла а даьккхина, со сихха схьа вогIу шуна,–аьлла араваьллера цу хенахь ханна берхIийтта шо хир долуш волу Iумар-Хьаьжа. Иза юха веъча, кхуьнан буьйса декъал а йина, кегирхой арабевлира.
     Лохачу гуьйриг тIе охьа а хиъна чиркх жимма хьала а оьзна, «БисмиллахIирохьманиррохьими»,–аьлла КъурIан  кара ийцира Iумар-Хьаьжас. «Ясин» дешначул тIаьхьа кхин долу аяташ доьшуш изаIаш, буьйса юкъал тIехъяьлча  котамаш дека доладелира.
     ХIетталца тапъаьлла, шен садеIар лахдина, малвелла Iиллина волу, Нажмудди жимма меттахь велира.
     КъурIан доьшуш Iачу Iумар-Хьаьжина ца хааделира иза.
     Юхаъ меттахъхьайра Нажмудди. Иза тосаделира Iумар-Хьажийна. Меллаша КъурIан охьа а диллина шаIачуьра ира хIоьттира иза. Корах чу хьоьжуш болчарна дика гора ша дерриг а. Цхьа дагахь доцург хиллахь, чоьхьалелха кийча бара уьш.
    Iумар-Хьажа вахана «докъана» тIехIоьттира. «Шшах»,–аьлла баттара схьаэккхийтара цо шен деха тур. Цуьнан юьхьиг вертана бухахь Iуьллучунна некха тIе а таIош, Iумар-Хьажас аьллера, жимма толкха а эккхаш (иза цуьнан дог датIаран билгало яра):
–Хьо-о дакъа делахь, меттах а ца хьеш, Iилла, д-д-дацахь, ас-с  д-дийр ду хьох дакъа!
     Эцца чоьхьалилхинчу кегийрхоша дехнера:
–Делахь,Iумар-Хьажа, къинтIера валахьара хьо, тхаьш цхьа забар йо моьттуш динера оха хIара хIума.
–Шун забар ца забар-м ца хаьа, и юха меттахъ хьайшнехь, кхунах дакъа-м хир дара шуна. Соьца кхин ма елаш и тайпа забарш, шайна юккъехь лелае аш и забарш.
     ТIера верта схьаэцча докъа баса а вахна, хьалагIатта а, вистхила а де доцуш гIеххьа Iиллинера Нажмудди. Цул тIаьхьа цхьана урамехула Iумар-Хьаьжа вогIу аьлла берашкара хезча, кхечу урамехула дIавоьдура иза.
Иштта,Iумар-Хьажех пе бетташ, лиэла дийзира цуьнан шен бехкенна.
Шех хила гIиртинарг хуьлу хIораннах.



* * *
 
«Буьйсанан гIаларт».


–Кхана сарахь Анса-ирзехь Солонгира волчохь синкъерам хир бу, аьлла, хаам хилла хьуна. Хье ца луш охьакхачалахь,–элира СаьIин Бауддис,Iумар-Хьажа, нуьйран доьхкарш а къевлина, луьйтанчу ког биллинчул тIаьхьа, цхьаьна меттехь ца соцуш, урх къуонахчун буйнахь хиларна, цунна го туьйсуш, боллучу Iаьржачу дина хуучу заманчохь. Нуьйран хIоъ аьрру куьйга а лоцуш лаьттах дIакъаьстина говра хиира бере, цул тIаьхьа а аьрру агIорхьа хьовзош цуьнга ша лаьттачохь цхьа-ши го а боккхуьйтуш.
–Со хьиэлахь а, синкъерам дIабохале охьакхочур ву хьуна.
Бух кечбай, Iиэлахь,–аьлла Бауддин Iодика а йина, Мартанан чIожахула боьдучу новкъа а ваьлла шен лаамехь битира цо карзахе дин.
И буьйса а, шолгIа де а чекхдаьллачул тIаьхьа, сарахь охьа ван новкъа велира иза, ша даьхьна гIуллакх кхочуш хиларх воккха а веш. Кхин башха нахал даьккхина дийццал  доккха гIуллакх а дацара иза. Кхунна цхьа кIира хьалха евзинера ТIерлара шен ненаваша Зовг Ахьмад волчу хьошалгIа еъна йолу Джовбетаран ЙогIалбин йоI Бака.
Наха иштта хуьлу аьлча а, хIара ца вешаш хилла йолу цхьацца билгалонаш а хааелира кхунна хIинца шеца. Цкъа делахь, оцу йоIах бIаьрг ма кхийттинехь цIаьххьана кхунан кийрахь цхьа цIе кхерстира. Юха йовхачу тулгIенашца кхуьнан коьрте а хьаьдда, цул тIаьхьа дерриге а дегIаца яьржира и ша-тайпа алу, цхьана кхечу дуьненчу ваьлча санна, хоьтуьйтуш, дегIана а сина а там беш  мокхазан тарх санна долу цуьнан дог, даьтта хьаькхча санна кIад а деш вуоха а воьхна, хIума ца алалуш, ша оцу меттехь висарна а чIогIа холчохь а вара хIара. Амма шегара и хьал цхьанна а накъосташна ца гина хазахетара. Цундела йоIе хан йиллийта, аьлла, ша даьхьна гIуллакх Бауддига а ца хаийтинера цо.
Бакас, ша хьошалгIа еанчохь ишттачу хаттаршна жоп лур дац, шеца боккъала гергарло а дезахь, шех хьуна накъост хир ю аьлла а хиэтахь, Михалске шен да-нана а, йиш-ваша а долчу дIаван а, цигахь и къасто а деза, элира, цкъачунна дуьненан синкъерамца, синкъерамехь, ловзаргехь кхуьнан юьхь ян дош а луш. Кхин цуьнга ала хIума а ца карийна, шен хьаша Саламбек волчохь де-буьйса а даьккхина цIехьа вирзира Iумар-Хьажа, маьркIажа хан хиллачул тIаьхьа.

* * *

…Кхузахь билгалдаккха лаьа: дукха хан юкъа ца юлуьйтуш, оцу гурахь Бака схьаялийра Iумар-Хьажас. Доккха ловзар а дина, тоьллачунна ка а биллина говраш хохкуьйтуш сакъийрира цигахьIумар-Хьажин накъосташа. Шовзткъе ворхI шарахь,Iумар-Хьажа дIакхалххалц, цуьнан кертахь яхна Бака…

* * *


….Аьхкенан буьйса екхна а, бутт юккъе бахна а хиларна, сирла дара беттаса. Ча такхийна тача а, Чухчахьер а дика къаьстара стигларчу чот йоцчу седарчашлахь. Йоккха можа сискал санна кхозура царна юккъехь беттан экъа а. Тийна дара гондахьарчу хьаннашкахь а, наггахь йогуш къуьда хаалучу ирзошкарчу кIотаршкахьа а. Шен гIийла шабарш деш, охьадогIура  Марта. Наггахь хотехь чIоб декаш а хезара, юххехула мох тухуш тIелелхара бирдолагаш.
     Шен Iаьржа дин юха а изош, яйчу йоргIаца охьавогIура дошло, цкъа жагIан новкъа волуш, юха гечо долчохь Марта хадош. Наггахь юьхьахь хьакхалора некъаца лаьттачу къаштуйн, моънийн маргIала генаш. Хи шорделла, даьржина, тийна догIучу метте кхаьчча цу чохь наггахь кхоссалучу чIеран тата а хезара.
     Кхечу меттигашкахь а, ярташкахь а санна кху Мемат тогIехь а хIора шарахь гуьйренга лестича, керташкахь стоьмаш а, хасстоьмаш а хила болабелча долош хабарш хуьлура: хуьлла цхьана хьенехеран я минехеран цхьа йоI-йиша хьеръялла, джинашца тайна, бохуш. Стаг хьераваьлла олий а дуьйцура. Вихкинчуьра хецавелла я хецаелла и цомгуш нах хьуьнан хотешкахула, варшашкахула лелаш бу, гIотанашкахь а, хьехнашлахь а дийнахь набарш а еш, буса нах дIатийча ярташка а оьхуш шайна нехан керташкахь юург лоьхуш.
     Харцахьа лелаш долу бераш кхеро, уьш шайн бошмашка а хесашка а ца кхийдийта, олий доладора а тайпа хабарш зударша, юха кар-кара а оьцуш, шег-шегара тIедетташ деста а дой даржадора. Цул тIаьхьа шаьш даржийначу оцу туьйранах теша а теший, буьйсана юххехь накъост воцуш ара бовла а ца баьхьаш хуьлура и долийнарш.
     Ткъа берашна-м хаьара и бакъ доцийла. Делахь а, хьанна хаьа боккъала а иштаниг хила а ма тарлора. Кхой , Бауддиссий жима волчу хьенахь забарш еш хилла волу Довлтмирза а, нахана хIинца дика дагавогIура. Иза воцург а, хийла коьртаца эшна волу делан миска масане хир ву гондахьарчу ярташкахь дуьне токхуш лелаш.
     Цул сов жима волуш дуьйна Iумар-Хьажина дуьйцуш хезна хийла хабарш дара джинийн пхьоханех а, алмасех а, иэшапех а лаьцна.
   
* * *

 Масане дуьйцура уьш цу заманчохь. Мацах цкъа иштта екхна еанчу цхьана буса КIайчу Iинчуьра ша цхьаъ охьа вогIуш хиллера Джебар бохуш волу жима стаг. Жима аьлчаъ, ханна ткъей пхиъ шо хир долуш хилла иза. Мухха хIоьттинехь а, сурт хIоьттина хилла цунна, цхьана йоццачу ханна иблисан кара а воьдуш.
     Некъан йисттехь бай тIехь йогуш йоккха цIе хилла, лоькхуш пондар а, етташ вота хила. Оцу цIара гондахьа хьийзаш цунна девзаш долу а, цунна дуьххьара гуш долу адамаш хилла, шайна юккъехь кегийнах а, мехкарий а болуш. Хелха буьйлуш, тIараш детташ гуттара чIогIа гIадбахна, самукъадаьлла болчу, цара Джебар а шайна юкъаозийна, уггаре безамехь йолу жеро юкъа а яьккхина хелхаран бал а баккхийтина цара цуьнга. Цул тIаьхьа хелхар дан юкъаваьлла хьаша ву аьлла цхьаъ. Цо ден хелхар чIогIа тайна, шовкъе а вахна, «Iойт! Гора кIант яI! Хьовзае нанас ца йинарг!»–аьлла мохь а тухуш  Джебара хIумпар чуьра хьалаэккхийтина шен тапча.
    Цуьнан карахь тапча гича оцу тобанна юккъера йиш-маIаш еш,
–, Ма кхосса! Ма кхоссалахь!– Бохуш тIехьаьвда кегийрхой.
Цаьрга ла ца дугIуш Джебара йожийна тапча, хелха волучуьнна когаш юккъе, лаьтта а хьажош.
И тапча яларца цхьаьна тапъаьлла тийналла хIоьттинера гондахьа. Оцу йогуш хиллачу цIеран тIаьххьара суйнаш дIадовш, шена гондахьа хьийзинчу жухаргийн  когаш тIехьа бирзина гира шена, бохуш, дуьйцу бахара Джебара. Гондахьа цхьан а адам а, я гIаларт ца карийнера цунна, амма иза ша, некъа йисттера цхьана кхура кIелахь, дийнахь руьйта даьхкинчу бежнийн кхон оьлана тIехь Iаш хиллера.
Ша буьйсанан кийрахь хиларх цец я ца волуш, шена дагахь хууш долу кIурIанан аяташ а доьшуш, Дела а, Делера салам хуьлда цунна, Делан Элча Мохьамад пайхамар а, шен устаз а дагахь латтош, некъ бещ и хиллехь, и сурт цунна ган йиш яцара.

* * *

ГIаларташ гуш, сарташ хуьттуш меттигаш хьалха заманчохь дукха хилла. Адам ша дисинчохь, буьйсанан кийрахь,кешнашка юххехь, уьшалш йолчохь иза нисделча, цхьацца бIарлагIа тарлуш хилла ша лаьтташ йолчу куллах а, боккхачу тIулгах а, керта йоьгIначу мунданах а. Адамашна юккъе  а догIий кошара хьаладевлла убарш лела бохуш дийцарш а хилла. Вист ца хьулуш Iачу стагах хIинца а олу: «убар санна Iа и».
Цхьа сина осала верг Iадош, кхерош меттигаш а хилла иштачохь, къаьсттина оццу хенахь олхазаран я экханан мохь-цIогIа хезча-м муххале а.
Iумар-Хьажигара хIун ледарло ер яра техьа, бохуш, сингаттамехь болчара цхьацца бахьанаш лелочух тера дара. Амма, церан и хIуьмалгаш цунна хаа а ца лора…
Кхин болар ца хуьйцуш, йоргIа эцна йогIура цуьнан говр, хьалха санна. Мартанан чIожан малхбузе агIора басахь Iуьллучу Анса-ирзехь тховса цхьа синкъераман кеп хила мега бохуш, кхуьнан доттагIчо СаьIин Бауддис селхана шега хьахийнарг дага а тесна, цига некъ хьала хьаьвзачу метте нислучу хенахь говр аьрру агIорхьа дIаерзийра цо.
Наггахь ша лаьтташ хьуьнан кхор а болуш хьаьмцийн, элхьамцийн кондарш а йолуш бажа а, жа а дежаш йолу хин йистехула охьа йогIу  бай болу готта даьттан аса а хадош, юкъачу хьуьна юккъе боьдура ворданийн чкъургаша а, дохнан бергаша а хьешна чIагIбелла некъ. И некъ  дукха готта хиларна, шина а агIора лаьттачу пхонан, бIаьллингийн генаша ма-хетта корта хьала нисбан ца вуьттуш, говран вортанна тIе а таьIна Iан везаш хуьлура. Тохара тогIичухула дечгаш нилха йолчухула охьавогIучу хенахь беттасо серладаьккхина дуьне дийнахь бохург санна гуш хиллехь, хIинца, олуш ма-хиллара, бIаьргIоьттина пIелг а гур боцуш юьй-те аьлла,Iаьржа яра.
Делахь оцу боданехь сихха вуьйлира иза, хьалхара некъан лар а, гондохьарчу хьуьнхара дечигаш а, наггахь йолу  кол а хаалуш. Стиглара бутт а, седарчий а, я ша стигал а ца гойтура дуькъачу генаша а, гIаш а.
Иштта бан безарг башха гена некъ а бацара. Цхьа чакхарма ца кхочуш-м хила а мегара.
ЦIаьххьана говро, гIеххьа юла а луш, мерах шок тухуш санна хетаделира цунна. Цхьа тамашийна аз а хезира хьалхахьара схьа. Меллаша урх юха а озош, говр сацийра Iумар-Хьажас. Леррина боданечу новкъа хьаьжна халхахьа ткъех гIулч генахь цхьа кIайн шаршу хьарчийна адаман кепехь гIаларт хааделира цунна. Корта хила безачохь бIаьргийн меттана къегаш ши тIеда бара, кIайн къегаш цергаш яра. Хелха юйлу кеп хиттош, хьийза а хьийзаш, цхьа гIам-гIим а деш, хичаш еш, куьйгаш хьалха а туьйсуш тIегIертачу оцу хIуманах гIеххьа кхераеллера хIара тIехьIаш йолу говр.
Кхунна дагадеара, дехьа Дами-дукъара хецаелла лелаш тиларчу яхна зуда ю бохуш дуьйцуш хилла хабарш. «Милла а елахь кхуззахь цуьнца дерг къасто ма дезийца»,–аьлла шен дагахь сацам а бина, даима а хаьнтIехь лелош долу деха тур баттара даьккхира Iумар-Хьажас. «Везан Дела, соьга кхуьнан цIий цаIанадойтуш, новкъара дIаялийталахь хIара хIуъу а елахь»,–аьлла йолаялийтара цо шен юха гIерташ йолу говр, жимма човха а еш.
ХIара хецца шенатIевогIий а хиъна, кхуьнан буйнах тур а гина, и гIаларт цIаьххьана ша долчохь сецира.
–Ма вуола! Саца ! Ирдина хьокхий охьадогIур ду стиглара!IадъIе!—мохь белира гIаларте.
Аз хийца гIерташ, и долуш санна хетаделира кхунна. И боккъала а чохь са долуш адам дуйла хиира кхунна.
–Хьан ир-бир ца хаьа. Ахь кхин иъ-миъ алахь ас тур тоьхна и корта дIабохуьйтар бу-кх хьан! Са ду хьо—цIий ду хьо?—тур айъира Iумар-Хьажас.
–Ма тохалахь! Адам ду со!—мохь белира гIаларте.
Къегаш хилла бIаьргаш а, цергаш цIехьанна дIаяйра. Корта а берзина, тIехьарчийна кIайн шаршу а йолуш лаьттара, сирник латийна МартантIера кхуза сакъера оьхучу тобанна юккъера ЖаIпар хиллера. Иза сихха хьуьнан юккъехьа дIаволавелира.
–Собар дел! Меттах ма ваьллахь!
–Сайн хIуманаш тIеюха воллу со.
–Мичахь ю хьан бедарш?
–Хьуьлла юьхка тIехь Iохку.
–Кара лаца уьш. ХIинца волало.
–ТIеюхийтахьа соьга бедарш.
–Со мила ву хаьий хьуна?
–Хаьа.Бегаш беш вара со, хьи-хиъ.
–Бегаш бийр бу-кх вайша тIаккха.
Лакха синкъераме хьала а вахна цигахь хьо схьаваре хьоьжуш накъостий а хир ма бу хьан . Йорт эца!—тIечевхира Iумар-Хьажа, оьгIазло хIинца юьссуш лаьттара цуьнан дагчу. Оцу маьхьаро берриге а бегаш а, забар а йицялийтина, дегIе цхьа шийла зуз а деъна, хьалхахьа йом йира кхерамаш тийса а, самукъадаккха дагахь араваьллачо.
Хьуьна юккъера ара а ваьлла шуьйрачу ирзу тIе велира и шиъ. ХIинца юха а серлаелира аре. Масех боккха хьуьнан кхор бара ирзун маьI-маьIIехь лаьтташ. Гена доцуш гуш чиркхаш дара. Цигара схьахезара аьзнаш. Цхьаъ хелхавоккхуш тIараш детташ, маьхьарий тухуш кегирхой а бара.
Наггахь юха а хьожуш, шах-ших бохуш шаршу а йолуш дIавоьдура ЖаIпар.
–И боданехь къегашъерг хIун яра хьан?—хаьттираIумар-Хьажас, шен тур батта а дуьллуш.
–ХIара гIабакхах йина туьтмIаьжг яра, бIаьргаш а, бат а йолчохь мурйоьлла дечкаш йоьхкинера аса.
–Вай, бер я зуда дуьхьал кхеттехь,Iадор ма дара ахь. Эхь ца хета хьуна, иммансиз?
–Со хьо ларвеш вара.
Хьан говран болар а девзир суна, хьо кхуза тховса вогIур вуйла хаьара тхуна.
–ТIаккха-м ша ду. Ахь лелорг цхьа некъ хилла. Волало!
–Iумар-Хьажа ма вигахь со царна юккъе. Хьийзор ву-кх со цара даима а.
–Вуьгур вара хьан а, сан а десара хIинца-м. Яхийтта чехка,–аьлла шен говр тIе гIортийра беречо.
Ша ца вовзийта гIерташ, коьртах а тIехь шаршу хьарчийна, цу шаршуна бухахула кара лаьцна шен шарбал а, коч а йолуш вахана рагIу кIелахь лаьттачу синкъераме дIакхечира ЖаIпар.
–Ассаламу Iалайкум! Дика мел дерш кху чу. Хьеший оьций аш?—аьлла мохь тухуш тIехIоьттира Iумар-Хьажа. ЛадугIу йиш локхуш йолчу Бахус пондар сацийра.
–ВаIалайкум ассалам,–аьлла салам дIаийцира,–баьрччехь тхьамдин меттехьIачу Мамлос—Дера оьцу. Марша догIийла шу, хьеший!
Динара а воьссина, урх цхьаьна жимхига дIа а кховдийна, шаршух хьарчийна лаьтта ЖаIпар, кегирхой могIарехь массо а санна хьалагIаьттина лаьтташ волчу шен накъостан Баудина улло дIахIоттийра Iумар-Хьажас.
Массо а охьахиъча нускал санна лаьтташ дара «гIаларт». Могуш-паргIат а хаьттинчул тIаьхьа, мехкарий тхьамдас Залпаа элира:
–Хьара мила ю ахь ялийнарг, ва,Iумар-Хьажа. Нускал далош-м вац хьо, тховса?
–Дера вац. ХIара эцца сох хIун доллу хьажа дагахь, со кхеро араваьлла цхьа жимха ву. Кхуьнан цIе-м аса шуна юьйцур яц. Амма кху юккъахь Iачу цхьаболчу кхуьнан накъосташна- хIара вевзина хир ву.
Вевзий шуна хIара?—хаьттира Iумар-Хьажас духе хевшина Iачу, цхьа ира зIакарш а, раз техкина хурашкаш ацарна кIелхьара схьагуш, кога юьйхина лак хьаькхна шиблеташ алахь а, я тухленаш алахь а мачаш а йолуш йолчу цхьана кIентийн гIеране.
–Вевза!—гIийло жоп делира царахь хьалхе лелош волчу Баймарзас.
–Вовзах, дIавига шайн накъост!—кIентийн кхин къамелаш ца деш дIабахара.
–ДIаозаел и левси!—тийналла хадош, мохь туьйхира Мамлос.






Эмгар




…Декъазчунна денцIера еъна…
…Эмгар, миччара еъна елахь а, башха бухарчу зудчун дог доккхаддеш хир яц цхьана а заманчохь…
…Шахьбис тIе зударш кхийла Iамийна йолу, Тоита цец а ца йолура, рогIера «Нускал» схьакхаьчча. Мелхо а йоккхах йолчу йишас саннаIуналла деш, дола дора цо керлачу эмгаран. Церан бер хилча, шенчарал а хьоме хеташ, леладора уьш. Иштта Човка кхеран кертара рицкъа кхачийна, дIаяхийтинчул тIаьхьа, цо вина волу Iиса, шен берел а хьоме хеташ, Iалашвора цо, меца ца вуьтуш, тIехь-когахь ца оьшуьйтуш.
Массаьрца а елаелла, екхаелла хуьлура иза. Шен деган лазамаш хьулбора цо, нахана а, доьзална а ца гойтуш. Цуьнан дагчуьра дIа ца волураI9I5 шарахь тIамехь вийна волу шен дуьххьарлера кIант Якъуб. Оцу тIамехь хилла чевнаш бахьана долуш кхуьнан цхьаъ бен воцу ваша Дауд дIакхелхинчул тIаьхьа дIабайра Тоитин денцIера кIур а. ТIаьхье йоцуш, жимо ши йоIа юьсуш, дIавелира иза.
Иштта, денцIера гIо-накъосталла доцуш ша хиларна корта охьатеIош яцара иза. Цуьнан кхин виъ кIант а вара, бархIшо кхаьчна, массара а кхунах тера ю бохуш, йоI а яра. Уггаре коьртаниг кхо шегара къа-бала балхо а, доIа дан а, кхайкха а сийлахь волу АллахI вара цуьнан, (Делера салам хуьлда цунна) элча Мохьаммад Пайхамар а. Иштта хьокхо хьахавора Дала къайле цIинйойла цуьнан, Кунта-хьажа а.
Цундела синтеме дара Тоитин дахар, муьлхха а хало, бала лан де а дара цуьнан. ХIора де ламазца доладора цо, ламазца чекх а доккхура.


* * *


…Эззарнаш шерашкахь Мартано аьхкинчу шуьйрачу чIожа чохь дуккха а ирзош дара. ХIора ирзу тIехь кIотарш ехкина бехаш ахархой а, даьхнилелархой а бара. Церан Iер-дахар башха къегина а, хьолах дукъделла а дацахь а, хIетте а цхьанна а хамталлаш ца еш, Далла хастам а беш, Iара уьш.
ХIораннахь яцахь а, дукхах болчеран гурахь лахьа дан таро а яра. Хьоьхан хари чохь ахьар а хуьлура, дуо буьзинчул тIаьхьа йисначу хьаьжкIех дой. Цхьаъ-шиъ гиба хьелийн даьтта а, шелиг дуьззина кIалд, кхаби чохь нехча а, тIо а хуьлура…
Юург биэн-берса яккха, кхоьш, хохаш, саьрмсекх, гIабакхаш Iалашйора Iаьнна. Саьрмсекхаш а, хохаш а тIехь сийна патарш долчу хенахь схьа бохий, и патарш дуцуш кочарш а деш, васхал дохий хьалаухкура. Иштта Iалашйора бIаьстенца дIаен езаш йолу, хIуна къастийна хьаьжкIаш а. Боккха буьртиг болуш, ондданиг хоржуш къаста а йой, гурахь хьаьжкIаш тилочу хенахь, лоьдгаш вовшех а юцуш, шишша кан цхьана а нисбеш, и хьаьжкIаш, васхал йохий, хьалаухкура рагIун дукъош тIехь, я тхов кIелахь.
ХIуманан тIалам бан хууш, Дала деллачу беркатан сий деш, Далла хастам беш бехара и нах.






* * *



Дика хIусамнана а, берийн нана а хилла ца Iаш, куьйга говзалла йолуш яра Тоита. Муьхха а гIуллакх карадоьрзура цунна.
Истангаш, бIегIаган куйнаш, бIоржамаш бора цо. ЮргIанаш охура, бедарш тоьгура.
Ша дийриг цхьа атта деш санна хоьтуьйтуш, леткъам боцуш, хамталла йоцуш, елалой, екхалой, дора цо даима а.
Хьаьрччина дегIдолуш, Iаьржачу аматахь стаг яра иза. Йовлакхна а корталина а бухахула мас къайла йоккхуш йихкинаIаьржа чухта лелайора цо даима а. КIажийн пхенаш къайла дохуш еха хуьлура цуьнан деха пхьош долу кучамаш. Чохь-арахь гIуллакх дечу хенахь, новкъа ца хилийта, и коч жимма халаузуш гIода юккъе хуьнжар доьхкура.
Цо йина юург, массарна коьртах а яьлла, дика хуьлу бохуш, юьйцуш яра. Чохь болчу гIирсах, сурсатах хIуъу кечйой а, цхьа мерза кхача хIоттабора цо хьешашна а, доьзалшна а хьалха. Жижиг-галий, хингал-чIепалгий, хIунда хьехадора, воьтанан даьттагIа, хIоъ тоьхна кIалд-даьттий, мохь тоьхна мижаргаш, далнаш… массане яра уьш, могуш-паргIат хоттучу юкъана цо кийча хуьлуьйтуш. Уггаре а ледара хьал кхолладелча а, иттех хьаьжкIа дай чуьра схьа а оьций, тIера а йоккхий, боккха чуьйна яй дIауллура Тоитас. Дукха хьолахIаьнтIехь кхаари дийнахь Iуьйранна дора цо иза, еари дийнахь Iуьйранна оцу кхехкаш йолчу хьаашна тIехула цхьа кад кхоьш чутосура. Малхбуза хан хуьлуш кхихкина йолура и юург. Цунах хьункх олура. Кхо-биъ кад лула-кула сагIийна бохьуйтура цо, ткъа йиснарг доьзаллна хьалха юьллура.
Аьхкен тIехь, йовхачу хенахь, рагIу кIелахь даьккхинчу ор чохь даима а, лаьтташ кхо-диъ чийлик чугIур долу гиба хуьлура. Кеста-кестта цу чу кечдой мохса дуттура цо. Довхачу дийнахь цхьа пиела мохса мелча хьогалла йовр. Даима а лаьттах йоллучу, гиби чохь шийла а хуьлура иза массо а хенахь.


* * *


– Кхин цхьа пиела а йоттахь, – аьлла мохса доттийта дIакховдийра  Шахьбис шен карара пхьегIа. Кхийра гуьмалга чуьра юха а мохса доьттира Тоитас.
Малхбузан ламазаш а дина, вирд а даьккхина, луьйш-олуш Iара и шиъ.
– ХIун ду арахь, пхоьханахь? – хаьттира Тоитас.
– Кхин, хIара ду аьлла, хIума дац.
Амма Шахьбин ойланаш генахь юьйла хаьара зудчунна. Хьалхачул гIайгIане а, синтем байна хийтира цунна шен берийн да.
– Дийцахь ма-дарра, – элира цо. – цхьаъ галдаьлча санна ма ву хьо.
– Ялол оцу берашка чукхайкхал цкъа. – элира Шахьбис эххара, доккха са, а даьккхина мерах шок а тухуш.
Тоитас уьйтIа а яьлла стерчийн дукъ тодеш воллу Дотий, Абуй чувийхира, дас кхойкху аьлла. УьйтIахь хIоз хоькхуш лела иттех шо долу Iиса, эвлаюккъе ваьлла шен нийсархошна луьйш-олуш лаьтта Iумар-Хьажа схьавалаве аьлла, вахийтира.
– Массо а чувеанчул тIаьхьа, Шахьбис элира: неIарехь, тIехьа куьйгаш лаьцна, лаьттачу шен кIентех бIаьрг а кхарстош.
– Оцу лахахьа юккъера йисна Iачу Келиматан йоIа Асмаа хан йиллинера суна, тIедогIучу оршот буса араер ю аьлла. Йиснарг кхо буьйса ю… Ткъа тахана хабар хезна суна, иза Миназе оццу сарахь маре йоьду аьлла, дийцина бохуш.– Иза, нагахь иштта нислахь, муха хир ду суна-м ца хаьа. Шуна шайна дика хуур ду-кх цунах дерг.
– Мичахь араер ю аьлла цо? – хаьттира Дотас.
– Хьулла ши къашту долчу гIуна юххехь хир ю ша, аьлла, маьркIажан хан чекхъяьлча…
Шахьби корехьа дIавирзира къамел чекхдаьллийла хоуьйтуш.
КIентий меллаша арабевлира. Дотас Iумар-хьаже цхьаъ дуьйцуш а хааделла, рагIу кIела елира Тоита.
Дотий, Абу шаьшшинан болх бан хIоьттира.
Ша Iамош, кхиош йолу ши шо кхаьчнаIаьржа бекъа хьаьж юккъехь кIайн сет долу дела «ЧIама» аьлла цIе тиллинера цунна, ара а яьккхина, яйдакх цу тIе а хиъна,Iумар-Хьажа кех иккхира.
Шена юххехь хьийзаш йолчу Селахьате элира нанас:
– Же йоI, ядий хи йисте а гIой, Iумар-Хьажас цигахь хьаьнца, хIун дуьйцу ладогIал. Юха соьга схьадийца хуур дуй хьуна?
– Хуур ду, нана, – аьлла. ког лаьттах ца кхеташ, дIаиккхира йоI тIехьарчу керташкахула.
Шен вешел а хьалха дIа а кхаьчна, дитта юххе дIахIоьттира иза. Хи дахьа богIуш мехкарий бара. Цаьрца цхьаъ марехь жимма хан яьккхина йолу Асмаъ а яра. Оцу мехкаршна а, жерошна а юкъахь къаьсттина безамехь а, куц долуша яра иза.
Цуьнца къамел дан дагахь веъна лаьтташ кечвелла Миназ а вара шен накъосташца.
Хаьхкина йогIу говр, цIаьххьана юха озош хи юккъехь саца а йина, хин цIинцаш дIаса а кхуьйсуш.
– Ассаламу Iалайкум! Барт цхьаъ хуьйла шун! – элираIумар-Хьажас.
– ВаIалайкум  ассалам! Дела реза хуьлда хьуна,Iумар-Хьажа, – жоп делира Миназа.
– Миназ! – элира Iумар-Хьажас, – и лаьтташ йолу Асмаъ ахь ца йигахь, хьо стаг хетар вац суна, йигахь хьуна доккха совгIат а хир ду-кх.                Шайн шаьлтанийн макъарш а къуьйлуш Миназан го беш дIахIиттира цуьнан накъостий.
– Делан дуьхьа,Iумар-Хьажа, иштта ма алахь, – вистхила гIоьртира важа.
– Къамел чекхдаьлла! – аьлла шен говр дIаэккхийтира беречо.



* * *


Едда чу а еъна нене шена хезна къамел ма-дарра дIадийцира йоIа. Юх-юха хоьттуш хи йистехь хилла сурт шена а дуьхьал тесира нанна. Цунна дика вевзара шен мар а, кIентий а. ГIуллакх эрча долуш лаьттачух тера дара. Дов дIахьединера Iумар-Хьажас. И дов марса ца долуьйтуш хIун дича дуьжур дар техьа? – бохуш ойланаш йора цо. Ша дера деза оцу йоьIан гергара нах болчу а яхна, орца даьккхина, сихонца и зуда схьаяло, аьлла божаршна ша хIун леладо ца хоуьйтуш, тIехьарчу керташкахула Асмаан денвешин зуда Маржан йолчу яхара иза, Селахьат шена тIаьхьа а хIоттийна.
Хилларг а, хила тарлуш дерг а шена ма-хуъу дIадийцира цо зуьдчуьнга.
– Дакъаза ма яла хIара шиъ дуьненах Iебар йолуш ца хилла-кх хIара наний, йоIIий, Дала хIара шиъ Iабаярг! – аьлла куьйгаш ластийра Маржана. – Ма дика ду, Тоита, хьо схъаеъна а, и ма-дарра хаийтина а. Ас хIинцца кху чуьрачуьнга а кхуьнан жимах волу вешига хоуьйтур ду.
– Же, Маржан, сиха хьовзалахь дов-тIом ца оьшур-кх вайна. ХIара гена далахь, хIун хир ду, хьанна хаьа? ХIуъу а дай, катоххий и зуда тхан керта схьакхачийта хьажахь, – аьлла Тоита чехкачу болара цIехьа юха йирзира, хIетале маьркIажа хан хуьлуш а йоллура, пхьор кечдан а дезара. Луларчу жамаIатан маьждигехь молла кхайкха волавелира. Наггахь Iеха а Iоьхуш, цIа оьхуш тIаьхьадисна бежнаш а, уьйстагIий а, гезарий яра. Урамашкахь ловзучу берийн маьхьарий а, наггахь лиэтачу жIаьлийн гIалх а хезара. Керла хьаькхначу бецан а, арахь цIераш ягош кечъечу юурган а тайп-тайпана хьожанаш иэеллера суьйренан хIаваэхь.
Эханга баьлла бутт а бара орцан даккъаш тIехула кхозуш. Тховса дуьххьара шена хIара дуьне гича санна цецбаьлла хьоьжура и зингатийн барз санна сийсаш лаьттачу кху адамийн дахаре. Ардашкахь маьлхан де а текхна цIаоьхучу ахархойн ворданийн якхъелла чкъургаш а цIийзара ша-тайпанчу мукъамца.
– Чхьоча! Ва чхьоча! Иммансиз! Со хьаьнга луьйш ю! Схьавол чехка! – бохуш мохь беттара луларчу Жарадата шен аьрхачу кIанте.
– Сан устазор, хIинца дIа ма вогIу со, дIаялахь мохь ца хьоькхуш, – дуьхьала луьйра кIант.
– Со дIа ма ялийта! Ас сара бетташ вуон валор ву хьо, Иммансиз!…
…Тоита йоIе сихха рагIу кIеларчу товхи чохь цIе а латтаяй хи чу а доттий яй дIаолалахь, аьлла, чийлик а эцна, хьелий оза дохнакерта яхара. Цигахь схьаеъна шен нус (Дотин зуда)  ПетIамат карийра цунна.
– Делахь, ахь чекхдаккха айхьа долийнарг. Оцу цхьа маIа охьахьаьвзинчу атто шура Iанайо хьуна, хьожуш хилалахь, – элира Тоитас.
– И-м оьзна яьллера со. ДIачу гIо хьо, нана. Со сихха ер ю, – элира ПетIамата.
ХIорш пхьор диъна а, пхьуьйра ламазаш дина а бевллачу хенахь кетIахь мохь туьйхира цхьамма:
– Во Шахьби! Чохь дуй шу?
– Дера ду! Схьавола! Мила ву хьо? – дуьхьала вистхилира Шахьби.
РагIу кIеларчу дечиган маьнги тIехь миндарна тIетевжина Iуьллура иза. Дота а шен чу вахаза кху кертахь вара.Iумар-Хьажа эвлаюккъера чукхачанза вара.
– Ассаламу Iалайкум! Дика мел дерш кху керта! – аьлла кех чоьхьа велира лаккхахьарчу куьпара Саьлмирзий, Болатбий.
– ВаIалайкум  ассалам! Диканца дехийла шу а, – аьлла дуьхьалвелира хIусамда – Марша а догIийла, схьанехьа довла, охьаховша.
– ХIан-хIан, Шахьби. Тхо кхин охьахевшина Iийр дац. Оцу лахахьарчу куьпарчу ДжамболатгIара ваийтина тхойшиъ. Иштта цара схьадийцарехь церан вешин йоIа Асмаа хан а йиллина цхьа хIума ду. Тховссехь и йоI дIайигахьара аш аьлла ваийтина тхойшиъ?
– Ой, – аьлла цецвелира Шахьби, – Дера ца хаьа суна-м…
– Дада, – элира ладоьгIуш лаьттачу Дотас. – Ас ала мегар дарий?
– Алал ахьа а, – куьг ластийра Шахьбис.
– Саьлмирза, шуна Дела реза хуьлда, ашшиммо беънарг хаза а, оьзда а некъ бу. Цкъа делахь, шаьшшинга ала аьлларг ду аш дуьйцург, шолгIа, иштта хила а тарлора иза. Делахь а, тхуна нийса ца хета йиллина хан а йолуш йолу йоI хенал хьалха девлла схьаялор. Тхо сиха а дац. Сиха делахь а кхаа дийнахь собар далур ду тхоьга. Ша йиллинчу хенахь, ша диллинчу дийнахь, ша йиллинчу меттахь хуьйлийла лаьа тхуна тхешан нускал.
Юха а, Дела реза хуьйла шушшинна. Иштта дIаалийша цаьрга, – аьлла дерзийра Дотас къамел.
– ХIун дийр ду. Шайна дика хуур ду-кх шуна, – элира Саьлмирзас.
– ХIан и дIадели, – элира Шахьбис, – ХIинца схьа хила охьахиъна юучух а кхетта, чай а мелла гIур ву шуьшиъ.
– ГIоза юийла! ДIагIур ву тхойша,Iодика йойла шу, – аьлла, кех велира ши хьаша.
Уьш новкъа а баьхна чувеанчу Дотас элира:
– Са ма гатде. Дала мукълахь шен хорша доьрзуш лаьтта хIара гIуллакх. Дика хьаха ду хIара шен хеннахь вайна хиъна. Ца хиънехь, галдер дара хIара… Чувахна, жимма садаIа воллу со…


* * *


ШолгIачу дийнан делкъал тIаьхье яра, Iай лело тIергIан пазаташ ян кечам беш, урчакх хьийзош йоллура Тоита мукъ хан яьллачура.
– Тоита! Чохь юй хьо? – мохь туьйхира кIетIахь.
– Дера ю! Чу йола. Хьо мила яра? – аьлла, шен карара урчакх а, уьйриг а охьа биллина дуьхьала елира хIусамнана.
– Со, яра иза-м – зIаран тIехьара гучуелира лахахьарчу куьпара йисна Iаш йолу Залпаъ. – Де дика хуьйла хьан.
– Далла йоьзийла. Хьо яра ма тамаша бу? – цецъелира Тоита.
– Хьо лаа лелий?
– ХIуманаш юьттуш яра со. ТIеда дечиг дагийча йисна овкъарш елахь, хIокху кхаби чохь юкъ лохьа суна.
– Йолуш ю и тайпа юкъ, ас даима цхьана меттехь Iалашйо иза, – аьлла Залпаъна юкъ елира Тоитас .
– Хьажахь. Цхьа хIума а хезна чIогIа цецяьллера со, – аьлла юхайирзира зуда шена цIаьххьана цхьа хIума дагадеъча санна.
Амма, цуьнга ма-хьаьжжинехь гуш дара, шена чохь дерг, шена хезнарг цхьанна хазийта лууш, са къамделла иза хилар. КIежъяьккха болалуш болчу яй чохь хьийза хи санна, карзах хьийзара Залпаан ойланаш. ХIинца и ша деъна хабар Тоитина дIа ца хазийча, кIеж а тесна тIехъярна кхерам болуш а яра иза.
– Цхьаъ хир ду-кх, – аьлла шен эладитанашца, гIийбаташца а бала ца хилар хаийтира хIусамнанас.
– Иза-м жимма хьан майрачух хьакхалуш а ду хьуна, – элира хьешо.
– Цхьаъ хир ду-кх, – шек ца елира Тоита, – Масане ду уьш.
– Хуьлла тхан марден шича кIентан зудчо боху-кх и тхан лулара Асмаъ тIейогIучу оршот буса Миназе йоьдуш ю.
– Яхча хIун ду иза маре. Дуьххьара йоьдуш а яц, – элира Тоитас.
– Вай сан нана яI! Хьуна хууш а дац хIуммаъ? – цецъелира Залпаъ.
– ХIун хаа дезара суна?
– Ой хьан майрачунна а хан йиллина ма ю иза, оццу оршот буса араер ю ша аьлла. Схьахетарехь Шахьбин куьйгаш дила дезар ду моьтту суна, – аьлла, цул тIаьхьа Тоитига хьожуш жимма соцунгIа а хилла тIетуьйхира цо:
– Башха и воха оьшуш хIуммаъ дац кхузахь. Асмаъ йоцурш масане бу жерой, Шахьбис йола аларе а ца тешаш цуьнга богIур болуш. ХIан, со сиха ю.Iодика йойла хьан, Тоита, – аьлла керта йогIуш хиллачул чIогIа болар а саттийна кех елира хьаша…
«Ирс яI, хьан! Кхин сингаттам а, бала а боцуш хIара дуьне дууш лела-кх, – аьлла, мелла а оцу дIаяханчу зудчу къа а хетта, юха а шен дезаршна юкъа яхар Тоита. Бан безаш дуккха кечамаш бара.


* * *


КIирандийнахь Iуьйранна шолгIа шо долу старгIа йихкина охьа а йиллина, цунна урс хьаькхира Дотас. Хьеший дукха хир буйла хаьара цунна. Цхьан а кхайкхина вало везаш вацара. Зуда ялош меттиг хилча воккха а, жима а, зударий а, бераш а схьагуллора. Массо а юучух кхетийта везаш вара.
Цундела кегийрхоша старгIа тилошшехь, еш кхехко гIайгIабеш бара , цхьаберш Тоитас Iуналла а деш, шайн зударийн дезарш деш бара кхеран кертара а, лулара чу баьхкина а зударий.
МаьркIажа хан тIекхочуш шайца Шахьбин шичин йоI Аружа а эцна хене вахара Дотий,Iумар-хьажий, Баудий, Паший. Гондахьа бевла кегийнах а, зударш а болуш, оцу ша йиллинчу метте схьакхечира гIабали юьйхина йолу Асмаъ.
– ХIара тахана тховса дуьйна тхан нус ю, – аьлла – Асмаан пхьарс схьалецира хьалха ваьллачу Пашас. Елха а ийзош и схьа ца хоьцуш йолучу зудчуьнга пхи туьма кховдийна, нускалца схьаволавелира иза.
– Дала барт цхьаъ бойла!, тIаьхье беркате хуьйла! – аьлла маьхьарий девлира.
– Дела реза хуьйла шуна а! Ши говр йоьжначу шарабан чу нускал а, Аружа а хаийна, шаьш шайн говрашка а хевшина, кхуьссуш тоьпаш а йолуш, наггахь мохь цIогIа а тухуш тIаьхьа уьдуш, хьалха лелхаш некъ лоьцуш бераша долуш цIехьа бирзира замой, Iаржъеллачул тIаьхьа кхечира уьш шайн керта. Йоккха IалагIожа хIоьттира оцу сохьттехь кхеран уьйтIахь. Берийн, зударийн гIовгIанаша а, кхуьйсучу тоьпийн, тапчанийн татанаша а дуьйцург а, бохург а ца хозуьйтуш гIеххьа хан елира.
Дукха кхийссинчу тоьпийн биргIанаш цIийъелла гора Iаьржачу буса.
Кхано тIаьхьа и къап-къарс жимма лагIделча, хьеший дIасабахча, Тоита пхуьйре ламаз дан чуяхара. ХIокху тIаьхьарчу деношка сагатдина, юлаелла лаьттина шена хIун хуьлу а ца хууш хIоьттина хиллера иза. ХIинца дерриге чекхдаьлча жимма сапаргIат а даьлла ша малъелча хааделира цунна ша мел чIогIа гIелъелла, шена мел чIогIа ницкъ хилла.
ЦIий ца Iанош, дов-тIом боцуш и гIуллакх нисдаларна, Далла хастам беш, мел а кхайкхийна, рагIу кIелахь юьстах долчу шен цIа чохь ламазна тесначу кхакхан тIехь Iара Тоита.
Шен хIусамна тIе гIоьртина сингаттаман Iаьржа бода юхатоьхна хиларх а йоккхаера иза. Нехан луур ца долуш, шен хIусамдена а, доьзалшна а нехан ала хIума ца дуьтуш, боккхачу юьхькIамца шена тIе эмгар ялорах и йоккхаеш санна хетара кIенташна а, Селахьатна а. Шайн а, массо а хьешийн а санна Тоитин а самукъа долу моьттура царна, иза гуттара санна екхна хилча.
Тоита кхин цкъа а суьлхьанаш хьийзош Iаш, чоьхьавелира Дота. Доьзалехь воккханиг ша хиларе терра, массо хIуманна ша жоьпаллехь хетара цунна шен нана ца гуш хьеелча, хIун деш ю техьа, аьлла чоьхьавелира иза. Жимма лаьттина, цо элира.
– Тоита, хьо а гIелъелла хир ю садаIа ахь.
– Со-м ца гIелъеллера, Дота. Со-м йоьллера хIокху тайпанчу суьртех, – элира Тоитас.
– Дика дIадирзи хIара! – воккхаверца элира кIанта.
– Дера дирзи. Кхечу агIора доьрзийла ма яцара… Дота, – элира нанас жимма соцунгIа а хилла.—Оцу герзаша ваша а, кIант а вийна Iаш ю со… И тоьпаш тховса ма чIогIа кхийси-кх аш… оцу тоьпан тата ловш дац-кх сан лергаш… ма кхийсахьара аш и тоьпаш.
 Дота цIийвелира…
– Тоита, – элира цо доьхначу озаца.– Эцца хIара гIуллакх иштта вайна ма-хеттара нисделла хазахетта жимма карзахдевлла хилла тхо. Ас… ас дош ло-кх хьуна кху кертахь кхин тоьпийн тата хьуна ца хазийта…
Тоита хьала ца хьожуш, хьалха куьйгаш а лаьцна доIа деш яра. Цунна хьалха, кхакхан тIехь аркъал а дижна когашца цуьнан карара охьакхозучу суьлхьанийн кIуж ловзош доллура мокха цициг. Товхин туьнгалган белша тIехь лаьттачу къуьданан серлоно чуьрчу хIуманийн а, адамийн аIиндагIаш дахдина дехьарчу пенаца хьаладохуьйтура.
Кхин цкъа а шен нене а хьаьжна меллаша аравелира Дота…
…Декъазчунна ден цIера йогIуш хилла эмгар…
Тоитас-м ша шена ялийра иза цу буса.






БоргIал



Цхьацца долу хIуманаш-м ца лелийнехь а кIад боцуш дара, – олура  Iумар-Хьажас, шен жималла а, аьрхалла а дагаеъча…
– Сол гIийла болушший, я доьналла, майралла ца тоьушший бацара и цхьаболу нах. Со сонтаваьлла меттиг нисъелча, дов ца дезаш, тIаьхьенан ойлаеш, шаьш хьекъалле хиларе терра, суна некъ буьтуш хилла хир бу-кх цара. ХIинца-м хаьа суна, наггахь суо галволуш хиллий а.
Иштта даре дора Iумар-Хьажас, ша лелийначу цхьацца хIуманашца ша реза ца хилар а хоуьйтуш. Делахь а, оцу наггахь цуьнгара долуш хиллачу харцахьа леларийн доккхачу маьIне а, пайден а тIаьхье хуьлура, нахана дийца а, ала а хIума дуьсура.

***
Iаьнан юккъехь цхьана шийлачу буса луларчу юьртара баьхкинчу мехкарий-хьешашна бина синкъерам бара гуттар чIогIа букар бахна, букъбелла дIабоьдуш. Лоькху пондарий, етта вотий, детта тIарашший, хьоькху маьхьарий цхьаьнаийна, деккъа цхьа гIугIдара чохь доллуш. Кхоьлина богура мехкадаьттанан чиркх, халла бен дуьхьалIаш верг а ца къаьсташ, дохк санна чухула хьийзаш сигаьрканийн кIур а бара.
Хелхаран бал чекхболлушехь, тхьамдаIаш волчу Байсолтас мохь туьйхира:
– ХIан-хIане, кIентий! – пондар, вотий, дIатийра. – ХIара вайга хьошалгIа баьхкийна мехкарий а цецбевла хир бу вай лелочух. ГIарош ма е, шен рагIйоцуш кху юккъе а ма лелха, и узуш долу томка жимма юха а оза, кIезиг оза я оззане а ма оза, бохург ду шуна иза. Хьеший! Аш тхуна гечделаш, тхан ледарлонашна. Самукъадолий техьа вайн хьешийн? ХIун боху кхара ва, Хьасипат!
– Дика самукъа долу шайн боху кхара-м! – жоп делира мехкарийн тхьамда йолчу Хьасипата.
– Делахь вешан синкъерам дIахьур бу-кх вай. ДIалакхал Бекист и пондар.
– Хьеший бу чу бахка лууш, – неIарера схьа мохь туьйхира цхьана жимхас.
– Чу бахкийта хьеший а. Хьаша беркат ду. Собарделахь, Бекист, – элира тхьамдас.
НеIарехь чу а гIоьртина, вовшийн белшаш тIехьIаш болу, кегий нах дIаса а хилла, хьешашна чоьхьабовла некъ битира.
Хьалха ваьллаIумар-Хьажа а волуш, чоьхьа бевлира: СаьIин Бауддий, Закрий,Iаббассий, Эдалбеккий, Хьамиддий.
– Ассаламу Iалайкум!
– ВаIалайкум  ассалам! – аьлла, салам схьаийцира тхьамдас.
Чухула бIаьрг а кхарстийна, чоь готта хилар тидаме а оьцуш, жимма и хIусам паргIатъяккхархьама делахь а, я кхечуIалашонна делахь,Iумар-Хьажас куьг а хьовзош неIаре пIелг хьажийра.
– ХIуьшш! Арайовла котамаш! – аьлла.
Оцу синкъерамехьIаш хилла болу нах жима а, воккха а меллаша чуьра ара бевлира тхьамдий, кхин цхьа жимхий воцург.
И цхьаъ ИбрахIиман Муса хилла. Муса дегIана лохо а волуш, хIайтъаьлла, жигара жима стаг хилла. Хелхарца хьанна а бIиллиг а дуьллуш каде хилла и. Вуьшта маттаца а ларош хилла хьаьнца а къамел дан, шен дош лардан а хууш.
Лаьтташ волчу Мусига а хьаьжна,Iумар-Хьажас хаьттинера:
– Хьо хIун деш лаьтта, ара а ца волуш?
– Делахь,Iумар-Хьажас, оццул йолчу котамашна юккъехь со цхьа нIаьна хила а ца мега техьа? – дуьхьал хаттар динера Мусас, бIаьрг негIар а ца тухуш.
– Ой, дера мег, дукха дика а мегаш-м. Хьо ян а ю хьуна нIаьна. Охьа хаьа! Шу а охьаховша, мехкарий! Марша а догIийла шу! – аьлла охьахевшинераIумар-Хьажа а, цуьнан накъостий а.


* * *


Цул тIаьхьа, дуккха а хан яьлча а, цу чуьра цу буса арабевлла хилла болчу наха а, цу буса цигахь ца хиллачара а  дуьйцуш хааделла меттигаш ю. Массо а араваьлча буха виснарг ша вара бохуш, дуьйцуш хилла цара хIорамма а. Амма, иза ИбрахIиман Муса хилла. Важа арабевлларш а, кхин кхерабеллий, боьхний-м ца хила а мегара. Делахь а дов а, тIом ма ца оьшу нахана. Собаро лам баьккхина бохург а эрна аьлла ма дац.
Иштта собар алсам дерг ларлуш хилла-кх вочу балхах а, сингаттамах.


* * *


…Iумар-Хьажас аьлла а, дина а бохуш долу хIуманаш-м кхин а дукха ду. ТIейогIучу хенахь, аьтто балахь, кхин тIеяздан дагахь а ву со и хIуманаш. Кхузахь бало лаьа кхин цхьа хилам а.
Колхозаш йохку мур хилла иза. Ши шо кхачанза болу  шуьста а боьжна уьшIамош дуьхь  а лаьцна эвлаюккъе ваьлла хилла цхьана сарахьIумар-Хьажа.
Шена юххе ваьккхина секиртар а волуш,  юьртада Мохьади хилла схьавогIуш.
– АссаламIалайкум,Iумар-Хьажа!
– ВаIалайкум ассалам, Мохьади! Шуьшиъ лаа велахь тамаш бу, – аьллаIумар-Хьажас. – ХIун леладо аш?
– Тхо вайн юьртахойн бахам дIаязбеш ду.
– ХIунда?
– Колхозаш йохкуш ю массо а юьртахь.
– И хIун ю?
– Масеран а ардаш а, даьхни а, говраш а цхьана а тоьхна, юкъара бахам а, болх а хир бу боху.
– Нуьцкъашха юьлуш ю иза!
– Гулам а бина нехан барт хирриг де боху.
– Нехан-м ца хаьа суна, деш-дуьтуш а доцуш, нахехIа а докхуш буьйлабелла лелачарна-м дика гIуллакх ду иза, юкъара текх бохург церан сатийсам бу-кх.
– Иштаниш а болуш бу вайн, – резахилира Мохьади.– Шу муха яздича бакъахьа хета хьуна,Iумар-Хьажа? – хаьттира цо.
– И бохург хIун ду? Со-м вац хьоьга цхьанхьа тхо язде бохуш, – цецвелира Iумар-Хьажа.
–ХIан-хIа и дац иза,Iумар-Хьажа. Массо а доьзалш церан бахам а, хьоле а хьаьжжина кхаа декъе боькъуш хир бу.
– Муха?
– Шортта латта а долуш, даьхни а долуш, стерчий а, говраш а йолуш, шен ардаш тIехь йолах нах бацош верг – кулак ву аьлла язвийр ву. Кулакаш бохор бу, церан даьхни а, латта схьадоккхур ду боху.
ШолгIаниш – единоличникаш бу – цхьа етт, цхьа говр, кхо уьстагI я газа ерг;
КхоалгIаниш – беднякаш хир бу.
– Муха-а??
– Беднякаш…
– Уьш муьлш бу?
– Уьш дера бу, ша цициг дацахь, беа когахь лелаш долу даьхни а доцуш, цIий кхетта керт яъал якхбелла а болуш, дера а болуш болу миска-пекъарш.
– Делахь, Мохьади, оцу ахь буьйцучу пекъаршна-м ала хIума дацара сан, царах Дала къинхетам бойла, и бедняк боху цIе хаза ца хета суна, кхин гIуллакх ца хилахь, хIара шуьста дIаэций а, Един Мишка алий язвехьа со, – элира Iумар-Хьажас…




ГIалара пхьар

… Пхьеран цIе Къуддус хиллера…
…ХIуманан хьесап дан хууш а, пайдехь долу гIуллакх лелош а дара Довлтмирзин бераш. Хиэ хьийзош йолу хьераш а, дечигах гIуллакхден чархаш а хIитто буьйлабелира уьш ткъе итталгIачу шерашкахь Мартанчохь. И чарх а, хьер а дIахIотто а, цуьнан болх болабалийта охIла волу стаг лаха а лохий, цунна цхьа мах а буьллий, валавой и гIуллакх кхочушдойтура цара. Цул тIаьхьа дерг-м шайна а дика хаьара царна.

***

Иштта Соьжа-гIала ваханчуьра шена рогIера хьер йилла цхьа пхьар а валош веънера Абуязид.
Пхьеран цIе Къуддус хиллера. Пхьар безамехь стаг вара. Кевнна йогIна ножан утарма санна лекха вара иза.
Горга юьхь–марш йолуш,Iаж санна богуш цIе бос а болуш могуш стаг волчух тера дара иза. Ши юьхьиг хьийзийна ирйина а йолуш доккха Iаьржа мекхаш а дара цуьнан. Царна тIехула жимма чуоллабелла стомма мара а бара. Царна тIетоха аш дуькъа Iаьржа цIоцкъамаш а, царна кIелхьара схьахьоьжу ал бIаьргаш а, коьрта тиллина лекха суркуй а тIаккха пхьеран сурт хьалхахIуттур ду шуна.
Къуддус дуьххьара гинчунна буьрсо хетар волуш стаг вара. Шен ондачу, кийрара схьадекачу, озаца и вистхилча-м, цхьаболчарна-м цунах дажал тарлуш хилла а мегара. Оцу шен  зоьрталчу дегIаца, буьрсачу озаца, хотIаца а цхьаьна, куьйган говзалла йолуш а, инженер дешна а ву бохуш, вуьйцура иза.

***

Ша юьрта кхаьчна шолгIачу дийнахь дуьйна болх дIаболийра пхьеро. Болх аьлча а, латта охкуш а, тIулг буттуш а, дечиган пхьола деш а юьртара белхалой бара, йолах Абуязида тIелаьцна болу. Царна тIехь куьйгалла а деш, дан дезарг хьоьхуш, «ватIарпIас» а, «вилтIакIоз» а бохуш цхьацца кIалкIовсарш коча а оьхкина, кехаташ тIе а хьоьжуш, юха бинчу балхе хьожуш, белхалошна цхьацца хьехамаш беш, я чехош, лелара иза дийнахь сарралц. КIиранде цуьнан мукъа лоруш дара. ХIора сарахь а эвла юккъе а, пхьоьхане а волура иза.
Синкъерам я белхи хилча, цига воьдура. Цхьацца болчу юьртахошца уьйр а теснера.
Ханна ткъе итт шо хир долуш вара Къуддус. Цуьнан болх юккъебаьлла хан яра. Бух боьттина бевлла, хьеран тIулгаш дIанисдеш бара белхалой…
…КIирандийнан суьйре яра. Мартанан тогIичохь сийначу байтIехь цхьана къеначу кхура кIела а хевшина, сакъоьрушIара юьртахой. Дечиган пондарх пIелг а туьйсуш, узам беш Хьасан вара. Жимма шайн ойла юткъъелла цуьнга ладоьгIуш Iара:Iумар-Хьажий, Баудий,Iаббазий, Закрий, Эдалбеккий.
Юккъе тесначу шаршу тIехь лаьтташ кхехкийна жижиг, нехча, сийна хохаш, хьокхамаш дара. ГIеххьа маларх кхетта а бара уьш, шайн догIмашкахь жимма эпсаран кепаш а йолуш.
Амма, сарралц а, сахиллалц а Iерахь, малар совдаьллий, вовшашца эвхьаза бевллий меттиг хила йиш яцара церан.
– Йоттал, Эдалбек, жим-жимма яккха вай, – элира тхьамда волчу Iаббаза.
...Оцу хенахь кхарна гена доццуш охьадоьдучу Мартана тIехула гIашлой дехьа-сехьа бийлийта, тесна Iуьллучу, боккхачу попан  тIехула сехьа а ваьлла, кIенташна тIехIоьттира Къуддус.
– Ассаламу Iалайкум! Суьйре дика а хуьйла шун! Ма дика вовшахкхетта шу, – аьлла велакъежира иза.
Массо а хьалагIаьттира, – Ва Iалайкум ассалам! Марша вогIийла хьоъ, – аьлла салам схьаийцира Iаббаза.
Массеран куьг лоцуш го а баьккхина, лаьтташ вара пхьар.
Жимма тийналла хIоьттира.
– Къуддус, охьахаал! – элира Закрис.
– Со-м эцца ваха дезаш а вара, – элира пхьеро.
– ГIур ву-кх, жимма тхоьца а Iийна.

***

Шена юххе охьа хиъначу Къуддусе леррина хьаьжира Iумар-Хьажа. Хьалха цкъа-шозза генара, вистхилар доцуш гина вара цунна и стаг. Дуьххьара шена и гича дуьйна оцу стаге безам бахна вара Iумар-Хьажа. Оццул долчу дегIачохь тоъал къонахалла а, доьналла а делахь ма доккха хIума ду хьо. БIаьрг тIе хIуттуш, куц долуш, мичча метте хьажо а, хьалха ваккха а, охьахао тамехь адам ду-кх. Хьо санна волу накъост хила везара-кх куьг кхочехь, эшначу меттехь, гIо лаца а, орцах вала.
Хьоьца луьйш-олуш, дууш-молуш, де-буьйса лаьцна,Iан мегар дара-кх, олий хетара.
ЧIогIа оцу Къуддусах бIобоьлла, даго и къобал вина вара Iумар-Хьажа. Цундела, тахана иза шайна тIе веъна а, шайца охьахиъна а, самукъадаьллера цуьнан. Керла стаг вовзар, доккха совгIат лорура цо. Шена ца гинарг гина а, шена хазаза дерг хезна а хир ву иза, олий хетара. Ишттачу меттехь, кегий нах сакъера хевшинчохь керла кица а, кедан дош хаза тарлора.
Цундела Къуддус тIевеъна дика хетара.
Шайн-гонна юккъехь тоьллачех меттиг а елла, паччахьера веънарг санна айина, сийдеш охьахаийра цара хьаша. И вевзаш а цунна бевзаш а накъостий хиллера кхарна юккъехь.
Iумар-Хьажий, хьаший вовшийн вевзаш вацара. БIаьрга ца гуш, цIераш йохуш хезна вовзар бен, кхин юьхь-дуьхьал нислуш, вистхуьлуш меттиг хилла яцара таханалц.

***

Массанхьа а могуш дуй? – хаьттира хьешо.
– Дика Iаш ду тхо-м. Шу муха лиела? – хаьттира, тхьамдалла дIакхоьхьуш волчу,Iаббаза.
– Тхо а дика Iаш ду, – элира хьешо.
– Боттал хьешана гIудан кад, хIара тIаьхьависарна, – элира тхьамдас.
Къаьркъанах дуьззина стака хьешана хьалхахIоттийра жимхалла дIакхоьхуш волчу Эдалбека.
Шен Iаьржа мекхаш аьрру куьйган шина пIелгаца дIаса а теттина:
– КIенташна тIера! – аьлла дIамелира хьешо гIуданан кад.
Цо цхьа хаза дош аьлла, самукъадаккхаре, сатесна хилла волу,Iумар-Хьажа жимма цецвелира.
Туьхала Iоьттина сийна хох чу а хьарчош тIе нехча а кхоллуш хIума дира хьешо.
Охьа кхозуш хилла долчу цуьнан мекхийн ира юьхьигаш мелла а айаелира.
– Боттал хьешана хьешан кад, хIара вайна тIеварна, – элира тхьамдас. Стака дуьззина къаьркъа хьешана хьалха хIоттийра, жимхалла дIакхоьхьуш волчу, Эдалбека.
Шен Iаьржа мекхаш аьрру куьйган пIелгашца  кхин а шардеш дIаса а тоттуш.
– КIенташна тIера! – аьлла дIамелира пхьеро хьешан кад.
Кхехкийначу жижиган дакъий, хьокхаман коржаммий кховдийра цуьнга Закрис:
– ТIекхоллуш хIума де Къуддус, хIокху маларо нал а йожайо, – аьлла.
– Нелах дер-м ца хаьа суна. Со вожо-м, цхьа черма деза хьуна иза, – элира хьешо, сихдинна мочхалш а хьедеш.
Айаелла нийсса шина агIора дIаса яхна хилла йолу, цуьнан мекхийн юьхьигаш хIинца мелла а хьалахьаьвзича санна хетара. ЦIоцкъамаш а меран шина а агIора раз ирх дахна лаьттара. БIаьргаш горгаделлера. Хьийкъинчу беснеш тIехь а цIен бос лепара. Хахъаьлла, волчунна а тIе шорвелла, товелла,Iара иза, массарел цхьа корта лекха а волуш, царна тIехула чу а хьоьжуш, цара дуьйцучуьнга ладоьгIуш.

***

–Iумар-Хьажа,  муха чекхделира и гIуллакх?  – хаьттира Iаббаза, хьалхалера цхьа къамел карладоккхуш.

***

–Iумар-Хьажа-а-а!? – хьешан ши бIаьрг кхин а чIогIа горгабелира. – Муьлха ву шух Iумар-Хьажа?
– ХIара ву-кх! – элира Эдалбека.
– Хьо ву и Iумар-Хьажа? – юха а хаьттира пхьеро.
– Наха иштта олу-кх сох, – меллаша жоп делира Iумар-Хьажас.
– Хьажахь! Хьо хилла-кх и. Суна хезнера…
– ХIун хезнера хьуна?
– Хьо бугIа ю бохуш, дуьйцу-кх наха.
– Наха-м хIуъу а дуьйцура, Къуддус, дита иза. Вай бугIанаш йийца гулделла а дац. Вешан сакъоьруш ду вай, – элира Iумар-Хьажас.

***

…ХIара, Дала елла, хаза екхна суьйре! Дагахь цхьан а вуон хIума доцуш, цхьаьнцца хьагI-гамо йоцуш, кхеран Iаш хилар! ХIинца хIокху къуонахчо дуьйцург? Цхьан нун догIуш, цхьа ца оьшуш, къамел долийна хиларх шекваьллера Iумар-Хьажа. Хийла адам девзина, церан къамелаш, амалш евзина вара иза…

***

– Хьо ган лууш вара со, – схьахеза пхьеран аз.
– ХIинца гуш ву-кх хьуна со, – жоп ло Iумар-Хьажас.

***
– Хьоьга цхьа хIума хатта лаьара суна. – юха а гена долуш, юха герга догIуш санна хета хIинца цуьнан аз.
– Хатта делахь.

***

– И хьан бугIалла соьца чекхдер дарий техьа хьан?

***

Гондахьа тийналла хIутту.
Iумар-Хьажин накъостий гIеххьа бос баьхьна бу.

***

… БугIа елахь а яцахь а, Соьлжа-гIалара схьа а веъна хIокху къуонахчо дожо, дисна ма дац хIара бугIалла… Эх! Ма хьашт доцуш коча веъна-кх хьо. Ма дика Iаш дара тхо…

***

– И дитал, кхузахь бугIанаш а, айгIарш а яц. Вай сакъоьруш ду, ДIаэцал шайн кедаш, – аьлла, къамел кхечу хорша дерзо гIоьртира Iаббаз.

***

ХIа-хIаъ! – юхахьавуьйлура пхьар,- Со, кхуза веъччахьана а вара, хIара ган лууш. Наха дукха дуьйцу кхунах лаьцна. Со а ма ву гIалахь, бугIа ю бохуш, лиелаш, куьйгашца ленаш а сеттош… Суо дIакхаьччахь бугIа хилла лиъна суна… Сан и чекх а даьлла массанхьа а.

***

– Кхузахь-м далахь тамаша бу хьуна, – элира Эдалбека. – ХIинца харцахьа нисъелла хьо, бож.

***

– Цо хIун боху? – аьлла цецвелира Къуддус. Ша цкъа тIаьрзенаш ластийча хIокху массарех а хIума юьсур яц, аьлла хеташ шех чIогIа бIобуьзна, сонталла совъяьллера пхьеран.

***

– Гой хьуна, Къуддус, со-м цхьа декъаза пекъар ву. БугIа а яц. Я тера вац со бугIанах. Вуй со бугIанах тера?
– Дера вац-кх. Хьох а бугIа хилахь. Со-м цхьа лом хила деза.
– Хьо лом ду. Ткъа со хьуна гург ву. Со, Къуддус, цкъан а, цхьанна а бугIалла гайта гIерташ, майралла, доьналла гайта гIерташ лелла вац хьуна. Цхьана а стагца дов лехна а вац хьуна. Сан массо а дов муха доладелла хаьий хьуна?
– Ца хаьа.
– ХIинца хьо санна цхьа Къуддус схьа а вогIий, хIинца ахь дуьйцург дийца и волавелча, оцу стагна луш цхьа совгIат ду сан…
– ХIун совгIат ду техьа и, – хьи-хьиъ – аьлла ша Iаччахь сеттира Къуддус. Иза Iумар-Хьажина аьрру агIора Iаш вара.
– И дера ду хIара совгат, – аьлла шаIаччуьра дерриге дегIан йозаллица ластийна и бат-марш лоцуьйтуш тIара далийтира Iумар-Хьажас. Бетах а, мерах а цIийш дIа а детташ баьццарчу бай тIе аркъал вуьйжира пхьар.
И меттахьайна валале, кхоссавелла цуьнан гIодаюккъе тIе а хиъна, пхьеран деха ши мекх схьа а лаьцна корта аркъал саттийна, шен хаьнтIехь кхозу шаьлта баттара а яьккхина цуьнан логан кхор болчу метте тIехIоттийра Iумар-Хьажас.
ХIараIуьллучунна тIера схьаозо дагахь тIегIоьртинчу накъосташкаIумар-Хьажас элира.
– Шух цхьаъ тIегIортахь ас шаьлта еттар ма ю шуна. Юха довла!

***

Уьрсан кIел нисъеллачу бугIано санна мохь хьоькхура бухахь Iуьллучо.
– Ва-а,Iумар-Хьажа, ма вехьа со.
– Со бугIа ю аьлла хIетий хьуна?
– Хета! Ма вехьа со…
– Ас и са доккхур ду хьан, – бохуш шен шаьлтанан дитт дай тIетеIош, пхьеран логан чкъор жимма хада а деш, цIий гучудаьккхира Iумар-Хьажас. И вен а, цуьнан могашаллина кхин сов зен дан а дагахь вацара иза. Пхьеро къурд алар а тоьуш дара. Делахь а иштта сиха иза гIаттийта йиш яцара.
– Ма вехьа со! – бохуш Iоьхура пхьар.

***

Мичара ели ца хууш, схьаиккхира, шайн кертара едда йогIу, Мамлох йисна Хьайбат.
– Ой, делла довла шу! Гуш лаьтташшехь стаг воьйтуш ца дохку шу, – аьлла, тIе кхетта пхьеран тIехь воллуIумар-Хьажа дIакарчийра цо. Оцу маьIаргонна, жимма паргIато а яьлла, ши мекх схьахецаделла волу, пхьар хьалаиккхина, цхьа вон бIаьргаш а къерзош, дIаведира.

***

Тохара ша тIехула сехьа ваьлла, тIайн меттаIуьллуш болу поп а ца гуш, хи чухула цинцаш дIаса а кхуьйсуш, дехьа иккхина, юха хьажар доцуш, воьдучу пхьерана тIаьхьа мохь туьйхира Закрис:
– ХIей воьдург, хьара хьайн куй бицбина ахь. Оьшур бу хьуна, – аьлла, чу цхьа тIулг а биллина ласттийна тIаьхьа кхоьссира цо пхьеран суркуй.

***

И йом эцца ваханчул тIаьхьа, кхин оцу юьртахь Къуддус гина вац, олура.

***

– Делахь, Iумар-Хьажа, хIинца юха а гIала вахна пхьар лаха дезаш ву-кх со, – олура Абуязида.
– Пхьар-м хьайна ма луъу валаве. И гIалара бугIанаш-м ца оьшу вайна, – олура Iумар-Хьажас – вешан бугIанаш тоьур ю вайна.

***

Иштта дIавахара пхьар. Безамехь стаг вара иза. Амма куц хьарам хиллера цунна.


Нехан дов

–Доьхка хаьдда топ санна воьжнаIуьллуш ма ву хьо. ХьалагIатта! Малх гIушлакхе баьлла, – бохуш, тIехIоьттина муьшканаш Iуьттуш, набарна ветта Iуьллу,Iумар-Хьажа меттахъхьевеш, воллура ТIуртIузан Баудди. Цхьа цIоцкъам ирх дохуьйтуш, цуьнга цхьа вуон бIаьрг а къарзийна: «Ахь хIун до? ДIавалахь!» – аьлла, юха а юргIана кIела корта дIалачкъийра меттахь Iуьллучо.
– ХьалагIатта! Ас хIинцца цхьа хин куршка тIеIанайо хьуна,– бохуш, лаьттара доттагI.
– ДIавалахь, Бауди! Мерзачу набарха ваьккхи-кх ахь. Мулкулмовт санна тIехIоьттина а ца лаьтташ, охьа хаахь, я агIор валахь хуьлла поднар тIехь.
– Вайна делкъа хан ма хилла, ва Iумар-Хьажа. Мегар вац хьо, наб дуккха йича. Вало, хьайн юьхьах хи а тохий, жимма меттавола. Хьуьлла лакхахь Берам хара йолчохь дIахIоьттина цхьа хаза белхи бу боху. Цигахь сакъоьруш Iаш вайшиннан накъостий а бу. Схьавола, аьлла, хабар даийтина. ХьалагIаттахь. Могуш воцуш-м вац хьо?
– Могуш-м дера вара со. Бауди жимма Iилла лаьар-кх. Дог ца догIу сан.
– Дог догIур ду хьалагIаьттича. Со рагIу кIелахь хир ву хьуна. Кечлол, – аьлла, аравелира Баудди.
 Ца догIучу дагца хьала а гIаьттина, юкъ йихкина, кечвелира Iумар-Хьажа. РагIу кIелахь охьахиъна, шаьшшинна чайнан стака а мелла, гIаш волавелла хьалавахара и шиъ. Некъ гена а бацара, ши чакхарма сов хила мегара.

***

Луьйш-олуш хьара шиъ хьалакхаьчча, бухахь беш белхаш бара. ТIехула ча а даржош, когашца поппар хьуьйш бара жерой а, мехкарий а. Багахь йиш лоькхура цара. Хьалхара  олуш Залпаъ яра:

МеттахьIилла цомгуш йоцуш,
Ирахь лиела могуш йоцуш,
Хьо дуьххьара вевзичхьана,
Кхетта лазар дIа ца долу.

тIаьххьара ши могIа берриге а мехкарша хьалаойуш шозза олура.

Ас Iуьйренаш чIогIа ларйо,
Ас суьйренаш чIогIа ларйо,
Хьо кхачаре со ма хьоьжу,
Ма-дарра хьоь дагар дийца.

Безам хала цамгар ма ю
Цунах ваьлларг ваха ца ло.
Со лойла хьан, йина нана
Со везначух йоккху елахь.

Гондахьарчу хотешкахь шуьйра тулгIенашца яьржаш, пепнийн баххьаш дегош екара йиш:

Суьйре йоцуш Iуьйре хир яц,
Iуьйре йоцуш суьйре хир яц,
Безам боцуш дуьне хир дац,
Ма яйта соь гIийла ойла.

Iуьйре хир яц бохучара,
Суьйре хир яц бохучара
Со хьан хир яц бохучара
Хи юхнехьа дерзо деза.

Мархаш йоцчу стиглахь цхьана меттехь саца а сецна, оцу эшаре ладоьгIуш лаьтташ санна хеталора тIам шуьйра аьрзу.

МеттахьIилла цомгуш йоцуш,
Ирахь лела могуш йоцуш,
Хьо дуьххьара вевзичхьана,
Кхетта цамгар дIа ца йолу.

– Йойт! Гора йиш яI! Ирс яI, хьо керта хьаьвза йолчуьнан! – аьлла, мохь туьйхира шовкъ хиллачу цхьамма.
Мехкарий-м шайн поппар хьуьйш бара. И санна йолу эшарш церан дукха яра. Хьеннан а корта хьовзор болуш, дог-ойла юткъйийр йолуш дешнаш а, мукъамаш хаьара царна.
 Попарш шалгушца а, белашца а тIетуьйсуш, мехкаршка забарш еш бара кегийнах. Хечийн когаш а, кучамийн пхьуьйшаш а хьала а керчийна, вовшашца йохье а буьйлуш, болх бора цара.
Цхьана гIента тIехь Iуьллуш кехатан пондар бара, цунна юххехь вота а, цунна тIе тухуш йолу серех яьхна гIожмаш а яра. Хьалха ехха учи а йолуш, кхо цIа дара чийш юцуш дина, тIе тхов а тиллина лаьтташ. Оцу цIенойн сонаца чудерзийна хьаладоьгIна, тIехьара ога дуьйцина а долуш, рагIу а дара. ЦIенойн тхов тIехь дукъошна тIехула тесначу зIарашна тIе поппар  хьоьхуш, болх беш бара зударий. Царна кечбина баьлла болу поппар сихонца носилкашца тIекхоьхьуш, чийликаш чохь муьшцаний и тхов тIе хьалабоккхуш, дIахьоьхуш лаьттачу зударшна тIе кхачош, сихбелла хьийзара кегийрхой.
– Же яма!Iабдул, сиха лелалахь, хьан гIуллакх дуьйцуш ду хьуна, – бохуш пхийтта шо кхаьчна хила тамехь волу кIант хьовзош яра Алпату.
– ДIаялахь дIа! Сайн гIуллакх суна сайна дика хаьа хьуна, – аьлла куьг ластийра кIанта, шен накъостаца цхьаьна носилки тIера поппар пена юххерчу оьли тIе охьа а шаршош..
ДIанехьо лекхачу хьуьнан кхура кIелахь хевшинаIара Закрий,Iаббаззий,Iабдурахьманний. Царел а дехьахь кхечу кхура кIелахь IиндагIехь сакъоьрушIаш кхин цхьа тоба а яра, шайна юккъехь мелла а чIогIа вистхуьлуш, тхьамдалла дIакхоьхьуш МасIуд а волуш.
Ишттачу суьрта тIе кхечира хIара шиъ, жимо басе а эшийна ирзу тIе хьала ваьлча.
Шуьста боьжначу вордан тIе доккха, ткъа чийлик чу гIур долуш долу, черма а диллина, хи дан чувуссуш вара иттех шераш хир долуш ши кIант.
***


– Ассаламу Iалайкум. Ирс долуш а, тIаьхье беркате йолуш хуьлда шун! – элира хьалха ваьллачу Баудис.
– ВаIалайкум ассалам! – аьлла, салам дIаоьцуш, хьалагIевттира хевшина Iаш берш.
– Дала воьзийла шуьшиъ. Марша а вогIийла, – элира Залпаа.
– Мила беввоккхуш, ваха хаош ду вай? – хаьттира Iумар-Хьажас.
– Махьмудан гIайгIа беш ду-кх.
– Беркате хIусамаш хуьйла кхарах. Накъосталла оьший? – хаьттира Баудис.
—Шу кхузахь хилчахьана, тоьур ду-кх тхуна. Мехкарийн а, жеройн а самукъа а аш даьккхича а тоьур ду,–элира Алпатус. Иза кхара вуьйцучу, дукха хан йоцуш зуда ялийначу Махьмудан ден йиша яра.
–Шайн болх бе делахь,–аьлла шайга хьоьжуш ирахь лаьттачу накъосташна тIе а вахна, мар-мара а кхетта, охьахевшира уьш.
–ТIаьхьависарна гIудан кедаш доттал царна,–элираIаббаза,шаьш могуш-паргIат хаьттина девлла чул тIаьхьа.


* * *


 Иштта хIорш сакъоьруш, дууш-молуш Iаш, дехьарчу тобанна юккъера хьала а гIаьттина кхарна тIевеара МартантIера Ахьмад бохуш волу цхьа стаг. Иза кхарна массарна а вевзаш вара.
–Ассаламу Iалайкум! Де дика хуьлда шун!—аьлла тIехоьттира иза.
–ВаIалайкум ассалам!—аьлла хьала гIевттира бухарниш. Массеран мара кхеташ куьг лецира Ахьмада.
–Охьахаал, Ахьмад,–элира Iаббаза.
Охьалахвеллачу цунна а боьттира кад. Жимма IийнаIумар-Хьажин лере а тIаьIна Ахьмада элира:
–Iумар-Хьажа! Тахана сан ваша хир варий хьо?
Цецваьлла цуьнга хьаьжира Iумар-Хьажа. Ахьмад кхуьнан  кхочар  вацахь а, ден ненахойн агIора цхьа геннара гергарло долуш, цуьнан да,ТIелхиг вевзаш  вара. Цунах цхьа хIума хьакхаделча, цуьнан агIо лоцуш хIума кхо ца дича, мелла а бехк тIехь буьсур болуш а дара гIуллакх. Цундела, чхьамъаьлла хетта, цхьа вуон хIума ма хилахьара кхунах, аьлла, дага а тесира цунна.
–Хьан ваша а, шича а ву-кх со даима а, хьо суна юххехь хиьна Iахь, ас лелориг ахь лела а дахь…
Юха а кхин къамелаш юкъа а девлла, шайн сакъера буьйлабелира накъостий, наггахь мехкарий а, жерой а болчу агIора бIаьрг а кхарстош.
  Жимма Iийна царна юххехь Iаш волу Ахьмад хьалаайвелира.
– Охьахаал, Ахьмад, – элира Iумар-Хьажас.
– Со хIинца схьавогIу хьуна. Цкъа оцу хьуьллаIачарна тIе вахийтахь со, – дийхира Ахьмада.
– ХIун дисна хьан цигахь? – хаьттираIумар-Хьажас.
– Нийса цхьа-ши дош аьлла схьавогIу со, – аьлла дIавахара Ахьмад.

***

Цул тIаьхьа шена юххехьIачу накъосташа дуьйцург а, оцу белхолахь йолу цхьан а гIовгIа а ца хезаш, ша Iаччохь берриге а тидам оцу шен керлаваьлла «ваша» тIе ваханчу тобанчу тIехьажийна,Iаш вара Iумар-Хьажа. ХIокху шен накъосташна хьалхахь ван а веъна, шегара вошалла а дехна, ша массарна а хезаш жоп деллачул тIаьхьа, цхьана меттехь  цаIалуш, ша музар боьлча санна, хьийзина вахана, юха а оцу ша резавоцуш йолчу тобанна юккъе и Ахьмад вахар, дика хеташ вацара иза.

***

Ша а, шен накъостий юьхьIаьржонах а, зен-зуламах а, тешнабехках а лардар доьхуш и Iачу хенахь, дехьа кхура кIелахь хIара кхийринарг хилира.
Цигахь цхьа вон мохь-цIогIа а делира, кхечу куьпара жIаьла юкъанисделча йовссарша оьккхуьйтчух тера гIовгIанаш евлла, цхьа жIуга хилла, вовшах хьаьрчира уьш. Лерга юххе тIара тоьхна, пхьид санна тIекIел эккхийтира Ахьмад. Цунна и тIара далийтинарг МасIуд вара.
Ша Iаччохь ма-дарра и сурт гуш вараIумар-Хьажа.

***

Ша воьдуш лаьтташшехь яьIни тIера ка тоьхна,Iуьллуш волчу Ахьмадна дабагIа деш воллу, МасIуд хьала а нисвина, шегахьа схьа а верзийна, бетах буй тоьхна, вожийра цо. Оцу вожорах шен накъостийн гIоьнца бен кхин хьала ца гIаттавелира МасIуд.
ТIекхаьчча болуIумар-Хьажийн накъостий а, бухарниш а шаьлтанийн а, таррийн а макъарш кьуьйлуш севцира.
– Собар, собар! Чекхдели! ХIара чекхдели!
– Шуна ма моьтту-м чекхдер дац шуна хIара, – аьлла, шен бетах цIийш дIадохуш йовлакх хьаькхира МасIуда.
– ХIун ду хилларг? ХIун къуьйсу? – бохуш хоьттура тIегулбеллачу зударша а, наха а.
Ханъяьлла кхо-йиъ зуда, ши тоба вовшах къастош, юккъе хIоьттира, кортаIуьйра а яьлла.
– Шайн дела дуьхьа, Пайхамаран, устазан а дуьхьа, юха хила. Собар де! Дерзийта! Сацийта!                Оцу гIовгIанашна юккъехь, мича ваха ца хууш, тIепаза вайра Ахьмад.
Цул тIаьхьа МасIуд а, цуьнан накъостий а оцу ирзера дIабахара…
Белхи, юха а шен хорша а бирзина, дIаболабелира. Амма, хьалхалера
синкъерам дIабаьллера. Массеран а яьххьаш кхоьлина яра. ХIаваэхь сингаттаман Iаткъам хаалора. Каде болх бора массара а. Малхбуза хан хилале берриге поппарш хьаьхна бевлира зударий. Делахь а, тIаьххьара бал баккхар а, сакъерар а ца нисделира цу дийнахь кегийрхойн.

***

Белхи дIабоьхначул тIаьхьа, охьа ван новкъаволучу Iумар-Хьажига а, Бауддига а дехар дира зударша:
– Делан дуьхьа, оцу шаьшшиъ хьала веъначу новкъа ца воьдуш, хьаьвзина делахь а, лакхахьахула тогIичу воссахьара шуьшиъ, – элира цаьрга Алпатус.
– Кху кертахь шун юккъе вас йолар а, цатам хилар тхуна чIогIа новкъа ду, – тIетуьйхира цо.
– Са магатде, Алпату. Тхо хийла некъаш гездина ду. ХIокху некъа йистехь и МасIудгIар бехаш хилар бахьанехь хIара тхуна бихкина бац. Я бехка стаг а вац. Оха царна дина а я цара тхуна дина а хIуммаъ дац. Шек ма довла. Дала беркате хIусамаш йойла кхарах,– аьлла, охьа ван новкъа велира ши накъост. Шаьш а шуьца охьа догIу, аьлла, тIаьхьа бевлла болу шайн накъостий а юха берзийра цара:
– Са магатде! Дела реза хуьйла шуна, – аьлла.
– Тхо-м, и дов юха марса ца далийта а, гена ца далийта а, шуна юххехь хила лууш дара, – элира Iаббаза.
– Гена дер дац, охьадахка пурба дац шуна, – аьлла, новкъа велира и шиъ.

***

МасIудгIеран гергара нах бехаш йолчу кIотара юххехула охьа боьдура и готта некъ. Оцу некъо голатухучохь шина агIора хьуьна чуьра араиккхира ткъех стаг. Церан карахь шаьлтанаш, тарраш, тIеда хьокхий, цхьацца болчаьргахь белаш а, шалгуш а яра.
ХIара шиъ тарраш баттара а даьхна, баккъаш вовшах а тоьхна дIахIоьттира. Кхин совнаха къамелаш доцуш, массо а агIора тIе етта йолийра кIело йинчара. Тур хьакхалуш меттиг а хуьлура, наггахь тIеда хIокха а кхетара, шалгун юьхьигаш а Iитталора. Шаьшшинан каерг деш, ши доттагI а вара.
Цхьанхьа-м орца дохуш зударийн маьхьарий девлира.
Бауддин аьтту куьгах шаьлта кхетта пхьаьрсана йоккха чов йинера, цуьнан буйнара тур охьа а дожош. (Оцу куьйган пIелгаш чолакх дисира цул тIаьхьа).
Iумар-Хьажина кхеташъерг дукха хьолахь коьртах кхетара. Шина а агIора лергашна тIехула хьала яккхий чевнаш йинера коьрта тIехь. Цигара охьа оьхучу цIийша кхьуьнан тур лелош долу куьг а дашийнера. Туьран мукъ шершаш буйнахь ца сецалора.
ТIелетачарех а иттех стаг, чевнаш хилла, юьстах ваьллера, шайн цхьацца лазийна меженаш кхоош. Дов, дIадола ма-даллара, цIаьххьана чекхделира. ТIелеттарш, мича баха ца хууш, къайлабевлира.
МасIудна а хиллачух тера дара масех чов. Мухха делахь а, уьш дIабахара. ХIара шиъ вовшашкахь хIун хьал ду хьоьжуш лаьтташшех, охьа кхечира лакха ирзера орца.
– Мича баха уьш? Муьлш бара? – бохуш, хоьттучарна жоп дала карах долуш вацара хIара шиъ.
– Же сихха ворда ялае, – аьлла мохь туьйхира цхьамма. Цхьаннан кертара говр йоьжна ворда а ялийна, цу тIе охьа виллира дукха цIий дIаихна гIора кхачийна волуIумар-Хьажа. Цунна юххе Баудди хаийна Оччин ирзе долчухьа хил дехьа бевлира уьш. Цигахь чевнаш цIан а йина туьха берам хьакхира царна. Цу шиннан цистина бедарш хийца, цIера цIена барзакъ а деъна, кечвира ший а. Иштта, дагахь хIума доцуш, мичара дели ца хууш, нехан дов коча деара Iумар-Хьажина. Оцу девнан да Ахьмад дегIана тIера цхьан махцалг яккхаза къайлаваьллера, мичахь ву а ца хууш.
Дов-м нислуш хуьлура. Шаьшшинна тешнабехкаца кIело а йина динарг дита а, гечдан йиш йоцуш лорура цара. Иштта цу тIехь чIагIвелла Дота а вара.

***

МасIудгIеран  керташкара кIур байнера. Уьш, оцу чIожара а арабевлла, мичахь бу хууш бацара.

***

Ткъа Iумар-Хьажин коьртах йина чевнаш вуно луьра а, кхераме а яра. Хьалха-МартантIерачу больнице а, лоьрашна а тIевоьду бохург аьттехьа а дацара.
Чевнаш хилла шайна тIевалийначу стагна и чевнаш муха хилла хIун бахьана долуш, муьлххачу герзаца йина ю, аьлла, НКВД-н белхалошка хаам бан безаш бара и лоьраш. Ткъа шайн цIахь дарба лелош болчара кхин хIумма хьалхатоттура. Цара бохура, шарIо бакъо ца ло шайна девнна юккъехь чов хиллачу дархочунна дарба лиело, нагахь санна и дархо шен довхочуьнца берта вахна, цунна къинтIераваьлла, гечдина вацахь. Цул сов, и дарба лелорна лоьрана йогIу, ял а оцу куьг бехкечо такха езаш а яра.

***

Iумар-Хьажас лехний, цунна оьшуш а коча деъна дацара и дов. Шен багара даьллачу дешан да хилла виеза ша, аьлла, цо тIелаьцна дов дара иза, оцу девнан хилла тарлуш йолу тIаьхье а, хиндерг а дагчуьра дIа а даьккхина.

***

ХIетталца а, цул тIаьхьа а цуьнан дегIа тIехь ца хилла йолчу кепара яккхий чевнаш а хуьлуш дирзира и гIуллакх. И чевнаш ерзо езаш а, царна дарба лелон диезаш дара. Шуьйтара лор ИбрахIим валийра. Цо а шена тIе ца лецира дарба лелор, дов дирзина ца хилча.Iумар-Хьажин доттагI волу Хьалха-МартIантIера лор Хасуха а хьалавеънера.
– Ас хьуна дарба лелор дара, – бохура цо. – Оцу шайн довхошца йолу юкъаметтиг аш нисйинехьара. Шу вовшашна, къинтIера а девлла, куьйге ца дахча, сан куьйгаш дихкина ду-кх.

***

Дехьа-сехьара а, вевза-везарг а, ШахьбигIарна бехке а, цара лоруш а болу нах орцах бохуш, и дов дIадерзо гIерташ, арабевлла хьийзаш дукъа нах а бара.
Юхахьа юьйлуш, сийсаш, лозуш яра коьртах хилла йолу чевнаш. Шина агIора ши пIелг чу биллал харш доккхуш, коьртан туьта а йохош шаьлтанаш еттаелла, чуьра хье бетталуш ган а гуш, биллина бара корта. Делахь а, къар ца луш, садетташ вара дархо.

Цу хенахь кхеран кетIахь сеццера  цхьа бере. Итум-Кхаьллара Дотин доттагI волу Шахьгира хиллера иза.  Салам-маршалла хаьттинчул тIаьхьа, говрара охьавосса, аьлла духьала ваьллачу Дотига аьллера  Шахьгирас:
- Вуссур ву,  аш воссавахь. Дота, вежарий суна а биеза хьуна. Амма, ахь веъна, ваша вита веза аьлча, ваша вита а кийча ву со. Цхьана наха, дехар а дина, валийна со.
- Хьо говрара охьа а ца воссош, юха вахийта йиш яц, Шахьгира., - аьлла, ша луьйта а лоцуш  говрара воссийра  Дотас шен хьаша.
ХIара чоьхьа ваьлча, меттахь Iуьллучура  хьала нисвелла лаьттачу Iумар-Хьажига хьаьжна, Шахьгирас элира:
– Муха ву хьо, кIант? ХIинца-м жимма хIума хьох а хьакхаелла моьтту суна…
И дов дIадерзийра массо а вовшашна къинтIера  а  воккхуш…


***

Дов дерзо гулбелла нах дIасабовллушехь, шен лоьран гIирсаш а баржийна,Iумар-Хьажина тIевирзира Хасуха.
– ХIан, ахь кхунна тIехь цергийн лар йитахь, мегар дац хьуна, – аьлла хьаьжкIийн луьйдиг юккъе чIогIа томка а хьарчийна йина йолу, сигаьрка лата а йина,Iумар-Хьажин бага йоьллира цо, ша цуьнан коьртах дуьххьара гам хьакха волалуш.
Масех дийнахь лоьран куьг кхачанза лаьттина йолу, чевнаш цIанйина, оьшуш долу молханаш хьоькхуш, гIуллакх дира цо. Цул тIаьхьа даима цецвуьйлура Хасуха.
– Дуьненчуьра рицкъа кхача даланза хиларна, Делан къинхетам боккха хиларна а бен, кхин дийна виса бахьана доцуш луьра чевнаш яра уьш, – олура цо. – Коьртан хьена тIехула долу чекх са гун дуткъа пардо хадонза дисар бахьанехь дийна виснера дархо. Юххера дIа ца волуш, дийнахь а, буса а лазархо ларвеш, цунна юххе а хиъна ши бутт сов хан яьккхинера Хасухас. Цуьнан беркатечу куьйгаша, цуьнан хьекъало, цуьнан говзалло, угаре а хьалха Делан къинхетам совбаларна, юха денвина, товина хьалагIаттийра цо Iумар-Хьажа.

***

– Иза, дегIе дагар хьодуш юха кхетамчуьра вуьйлуш, юха меттавогIуш, хала а, атта мур токкхуш меттахь Iуьллучу хенахь, цунна улло хуьйшуш, несала вахна хьийзара оцу белхолахь хиллачу, юха тIепаза вайначу Ахьмадан да ТIелхиг.
– Тахана дуьйна дIа сан кIант вац хьуна и, Ахьмад боху, и лергяхарг. Хьо ву хьуна са кIант, – бохуш, цхьаъ дийца а, ала а гIертара бехкала вахна волу воккха стаг.
– ХIумаъ дац, ТIелхиг. Хуьлуш хуьлу. Ахьмад ледара кIант вац, – олура Iумар-Хьажас, Амма, хIокху шен керла ваьллачу «дех» а, оцу ведда ваханчу «вешех» а дегайовха ца хилар-м хаалора цуьнан велакъежарехь.

***

Вийца да воцуш а, я юххе вала ваша воцуш а ма вацара иза, хIара «гергара» нах ца нисбеллача а.


ТIехь йоцу ясакх


– Чехкка лаллал, Жебар – бохуш, вордана тIе а хиъна, архаш лелош волчу шайн накъосте мохь а бетташ, чабол эцна вогIура пурстоьпан гIоьнча волу Межид.
Ворданна тIаьхьа хIиттина богIура церан накъостий Шерпий, Iуспий. Кхарна сардамаш духкуш, неIалташ кхайкхийна болу зударий геннахь биснера. Церан аьзнаш хIинца хезаш а дацара.
Мемат тогIийчу нахера ясакх а, гIуда а гулдан яхийтинера и тоба, коьртехь Межид а волуш,. Цигахь бехаш болчу мисканашкара схьаяккха кхин хIума а ца карийна, ахча-м цаьргахь хIета-вета а доцуш дара, шайн кара йог-йогIу чуьрчу сал-палх кадетташ, цхьаьнахьара цIеста кIудал оьцуш, вукхунхьара чуьна яй, кхечанхьара йиэзан тас, тиша палсан тIелхиг а, цхьа-ши гIайба, когаш а бихкина тIекхоьссина газа а – иштта и хIонс яхьаш  Хьалха-МартантIе охьа хахкаелла йогIура и кIентийн гIера. Мартанчуьрчу лакха эвла йисттерчу Ламазан тIулгана тIекхочуш царна дуьхьал кхийтира, цIа вогIуш волу, Iумар-Хьажа.
– Ассаламу Iалайкум! – аьлла, салам делира цо.
– ВаIалайкум ассалам! – вистхилира Межид.
– Межид?
–Iумар-Хьажа!
– Шу лаа леларий?
– Делахь.. Тхо эцца… и налог гулъе, аьлла дахкийтинера.
– Гулъелан шуна хIуммаъ?
– ХIара хьуна ма-гарра, цхьацца пайда боцу хIума вовшахкхийти-кх. Цигарниш реза хуьлий а ца хаьа…
– Уьш а реза ца хилахь, дIадаьлла гIуллакх ду хьуна, – элира Iумар-Хьажас. – ТIаккха цара шу чехор ду. Аш лелийнарг а, динарг а дойъуш. Цундела, шуна и юьхьIаьржо тIе ца йоуьйтуш, хIума дича бакъахьа хиета суна.
– Муха?
– ХIара шаьш гулбина пал юха хьала бахьа беза.
– И мегар дац, Iумар-Хьажа. Ахь хIун дуьйцу?
– Хьалаерзае боху ас шайн ворда, – инкарло ян меттиг ца буьтуш, дийкира беречун аз.
– Делахь,Iумар-Хьажа, дIадахийтахь тхо, некъан хьовзам а ца беш. Тхо Iедалан балхахь а дара. Тхаьшка аьлларг деш лела тхо. Тхан карахь хIуммаъ дацара.
– Сан йиш яц хьан таьжгенашка ладегIа. Сан докъан тIехула а девллий бен шун охьадаха меттиг а бац. Хьалаерзае ворда, – аьлла вон бIаьргаш къарзийна, шен туьран мукъ схьалецира Iумар-Хьажас.
– Но-о! – олуш урх цхьана агIора схьа а озош говрворда юхаерзийра Жебара. Цунна тIаьххье хьала бирзира МежидагIар а.
– Шу охьа даха мегар ду, – элира Iумар-Хьажас. – ХIара аса сихха охьа хьажор ву шуна.
 Сих-сиха тIаьхьа вогучуьнга юха хьожуш ворда лаьллина воьдура Жебар. Мемат тогIи чу хьала кхаьчча, жамIатан маьждиган хьалха сацаяйтира Iумар-Хьажас ворда.
– Охьаяссаел и хIуманаш, – элира цо.
Вист ца хуьлуш ворда яссийра вукхо.
– ДIаваха мегар ду, – элира Iумар-Хьажас.
Жебара шед етташ доккхачу татанца охьа хаьхкира шен еса ворда.
– Схьадуьйла кхуза, – аьлла, мохь тоьхна, дIанехьа гал-гIожмех ловзуш долу ,бераш тIекхайкхира Iумар-Хьажас.
– ХIун боху ахь, ваша? – хаьттира вокхах волчу кIанта.
– Дуьло шайн наношка схьакхайкха. ХIара хIуманаш шен-шен йолчо цIа хьо, ала. Неханиг, шен йоцург дIаяхьа мегар дац шуна. Кхийтирий шу?
– Кхийтира! – хазахетаран маьхьарца дIасадевдира бераш.
Зударий гулбалале дIавахара бере, оцу хIуманашна бIаьрган Iуналла де, аьлла, цхьа кIант царна юххехь а сацийна.


Бердах эккхар


– Эхь ца хета шуна? Шу нах а йоцу хIуманаш! Къийгаш ю-кх шу. И погонаш стенна лелайо аш? И герз хIунда делла шуьга? – НКВД-н районан хьаькам волу Шахбулатов оьгIаз чIогIа вахнера. – Эхь ду-кх иза. Пхи стаг, герзах воьттина волу пхи милцанер карахь тур бен доцуш волчу цхьана стагах кхера а велла, цо аьлларг а дина, цунна къурд а аьлла, схьавар.
Кортош охкийна, лаьттан бIаьра а хьоьжуш лаьттара налог гулъян бахна хилларш. Шайн хьаькамо етта яппарш башха дагах а ца хьакхалора царна. Шена цкъан а гина воцу стаг иштта атта хабарца цо хIаллакварх, и гича цо хIун дер а ца хаьара…
– Ас айса схьа а лаьцна вехка а вихкина схьавалор ву-кх иза кху чу. Ас лагерехь вахкор ву-кх иза, – бохуш шена гуш воцчу стагана боба йоуьйтуш вара Шахбулатов. «Хьовсур вай ахь хIун до», – бохуш шайн дагахь, лаьттара бехкала бахнарш.
Гоьзанах йихкина лаьтта шен кIайн говр а яьстина, нуьйра чу хаа гIоьртира дегIдазделла волу хьаькам. ТIеведдачу Межида вукху агIорхьа луьйта охьа озийра, ткъа Iуспас хьала а тоттуш говра хаийра районан коьрта милцанер.
– Со хIинца Мартанчу хьала воьду, – элира цо. – Шу... шу суна тIаьххье бIаьрго ма-лоццу, со тергалвеш хила, ас куьг ластийча сихха тIекхиа кийча а хила. Кхетий шу?
– Дика кхетта, накъост комиссар!

***

Мартанчу эвла юккъе кхаьчча, туькана уллохь жимо пхьоьха а хааелла, царна тIевахара Шахбулатов.
– Ассаламу Iалайкум! – аьлла салам делира цо, говрахь Iашшехь.
– ВаIалайкум ассалам! – салам схьаийцира бухарчара, шайн тIулгаш тIера хьала а гIовттуш.
Могуш-паргIат хаьттинчул тIаьхьа, къамел хаьдда жимма тийналла хоьттира. Оцу хьещаца дийца а, къасто шайн хIума доцуш болчу юьртахошна, ша веъна а, гина а мел хазахетта гуш вара бере. ДIанехьо татолан йисттерчу гIундалгIаш юккъехь хьулбелла лаьттара цуьнан жимо бIо, кхо цхьа хаам бича чухьалхьа кийчча а болуш.
– ТIаккха, муха Iа шу? Керла хIун ду? – хаьттира хьакамо.
– Далла бу хастам! Тоьур ду!–жоп делира Мохьмада. – Шу лаа леларий?
– Тхо, цхьацца харцахьа нах бу, аьлла, хезна даьхкина.
–Харцахьарниш тхуна-м ца хаабелла. Хилча а оха совцор бара.. Баккхийчаьрга ладугIуш бу тхан кегийрхой.
–Iумар-Хьажех хIун эр дара аш?
– Цунах ала а хIума дац, – дуьхьал вистхилира Мохьмад. Важаберш ладугIуш Iара, шайн карарчуIасанашца лаьттах сизаш хьоькхуш. – Эцца шен тур а текхош лелаш ву. Цхьанна а новкъа а вац, ша хье ца веш, Iадда витчахьана.
– Дукха-м текхор дац хьуна цо и тур! – ойла ца еш эккхийтира шен багара и дешнаш Шахбулатовс…
– ХIете, хIете… Дала динарг хир ду,– корта таIийра Iачех цхьамма.
Юха а тийналла хоьттира.

***

Мартан йистера схьабогIучу новкъахь таьллаш тIехьара гучувелира цхьа бере. Цуьнан хьаьж тIехь кIайн сет долу Iаьржа говр евзира царна, генахь йоллушшехь. Баккхийчу нахана тIекхачале  шен динара воьссина, гIаш тIевогIуш вара и стаг.
Иза вевзина болу юьртахойн дегнашкахь «чхам» аьлла ойланаш кхоллаелира. Шайна хьалхахь, шаьш тешаш а долуш, цхьа боккха сингаттам экхарна кхерабеллера уьш.
– Ассаламу Iалайкум! Де дика хуьлда шун,Iада! – аьлла воккхачуьнан цIе яьккхира цо.
– Дала воьзийла, Iумар-Хьажа! Марша лоьлийла! ХIун ду цIахь? Шахьби а, Тоита а ирахь дуй? – хаьттира Iадас.
– Дика Iаш бу уьш.
– Со хьажа а, ас дан оьшуш хIума делахь хаийталаш, – аьлла, шена ца вевзачу хьешах бIаьрг а кхетта. – Хьаша марша а вогIийла! – элира цо.
– Маршалла хуьйла! – сихха жоп делира, – Шахбулатовс.
– Кхара хьо вон лелор ву-м ца боху ас, делахь а со волчу дIавагIахь, Iан меттиг шорта ю, – элира Iумар-Хьажас.
– ХIан-хIан, баркалла! – элира хьешо.
– Шун Iодика йойла, – аьлла, гIеххьа гена а ваьлла, юха а шен дина хиира бере. Иза цхьана урамехь къайла ваьлча, ша деъна гIуллакх а дицделла, акъваьлла лаьттачу Шахбулатовс юьстахо лаьттачу Iабдурашиде хаьттира, лере а таьIна:
– И мила вара, хIинца кхузахула говрахь дIавахнарг?
– Суна чул шера хаьа-кх хьуна и мила ву. Ахь хIинцца тхоьга хIиттина волу, Iумар-Хьажа и ву-кх. Схьа хIунда ца лоцу ахь иза?
– Цхьаьнге а хьаха ма делахь хIара, – элира Шахбулатовс, шен бете пIелг а лоцуш. – Со сиха ву, Iодика йойла, – аьлла, шен говр охьахаьхкира цо.
Шен накъосташна и сурт гина ца хиларх а воккхавер иза. ГIундалгIаниш юккъера ара а  лилхина, хьаькамна тIаьххье юмйира вукхара а.

***

ХIинца башха шен белхалой бехке беш, уьш чехош а вацара иза. Цунна и стаг гинера. Юххехь гинера. Цуьнан сийна ши бIаьрг, цуьнан Дала ца кхоош ницкъ белла онда белшаш, зоьртала дегI. Цуьнан хIора дош къастош, декаш хилла аз, цуьнан ша шех бIобулуш хилар, – и дерриге а дуьхьал лаьттара Шахбулатовна. Амма цунна диц ца лора оцу пхьоьханахь мел хиллачу стеган шех дог кхардар.Iумар-Хьажина-м хIара мила ву а ца хаьара, дуьххьара бен гуш а вацара. Ткъа вукхарна ма хаьара, хIара ший а мила ву. Ша беъна некъ кхо дIакъадийна ма хила белара. «Тур текхор дац!» – эхI, ма элира цо иза. Ма текхадайта делахь. Муха? Ала-м атта ма дуй.
Iумар-Хьажа Далла гергахь а, нахана хьалхахь бехке ван, сийсазван хIума кара ца догIура цунна. Ойла йича, цо дина цхьа а зулам а вон болх а ца карабора…

***

…Нахана зулам дан а, сингаттам баккха а зени хилла вацара Iумар-Хьажа цкъа а. Мелхо а шега далучу агIора мискачуна гIо деш хуьлура иза. Амма мискачун гIо лоцучу хенахь, и мисканиг хьийзош, цунна ницкъ беш волу Iедалан векал човхо везаш хуьлура. ТIаккха цунах дов хуьлуш меттиг а нислора.
Луьра а, кхераме а зама яра иза.Iедалан каравахна волу стаг тIепаза вайна меттигаш дукха яра.
Да-нана а, массо кхочар а тIаьхьаваьлла тIекере  вилларх, вахана меттиг, гина меттиг боцуш, ларйоцуш, къайлабевлла нах дукха бара.
Цундела, шайн ма-хуьллу, ницкъболчеран кара ца воьдуш, царах а, церан мекарлонах а, церан ямартлонах а ларлуш лела дезара дийнахь а, буса а.

***

Iумар-Хьажас хIора боккху ког ларбе, цо хIун леладо хьажа, аьтто балахь схьа а лаца, аьлла, омра динера Шахбулатовс шен хьадалчашка. Зуламхо я халкъан мостагI ву аьлла цIе тилла-м ца хIуттура иза цунна, хIунда аьлча, дукха нахана вевзаш а, везаш а стаг и волу дела. ХIуъу а дина а, карзах а ваьккхина кхуьнгара цхьаъ даккха гIертар иза. Цунах а гIуллакх ца хуьлура. Цкъа цхьана сарахь, бIаьстенан юьххьехь хиллера иза Мусин ирзехь гIотанехь буьйса йокхуш хIара ву, аьлла, хаам а хилла, тебаш богIу милцанераш жIаьлина тоса а белла, цо гIовгIа яьккхича, сихха цу чуьра ара эккхаш, шен кетар гIоти чохь йитна хиллера Iумар-Хьажас.
Шена хIара кара ца веъча, оцу кетарх шен «маузер» чуьра массо а патарма бассийна хиллера Шахбулатовс, боьха маьттаза мохь а бетташ, декъазчу бедарх цаца а беш.

***

Цул тIаьхьа дукха хан ялале, гIа-патар даьржина, стоьмаша заза доккхучу муьрехь, эххар а Iумар-Хьажа лаца аьтто белира Iедалан векалийн. Сай-бодий къаьстале, зударий а, бераш а Iадош, йоккха гIовгIа эккхийтина, меттара гIатта кхиале, гIода-юкъ дIаехкале масех стаг тIекхетта, вукхара тIе тоьпаш а лаьцна, куьйгаш тIехьа дихкира кхуьнан. Цу кертахь кхин гIовгIанаш ца еш, хирг гур ду-кх, аьлла, шен болх Далла тIе а биллина, кара вахара иза царна. Шайн нахера гIуданаш гулдеш йолчу, аннех дина цIа долчу, ворданна чу охьавиллира цара шаьш схьалаьцнарг.
– ХIун даьлла кхуьнгара? ХIун хилла? – бохуш Шахьбис а, Дотас дечу хаттаршна дуьхьал Шахбулатовс элира:
– Кхо тхо тхешан болх бан ца дуьту. Оха кхунна хоуьйтур ду, Советан Iедал чIогIа дуйла. Хьалха-МартантIехь хуур ду шуна кхунах дерг.
Шайн цIен гонаш долу фурашкаш къегош, новкъа бевлира уьш малх схьаккхетачу хенахь, тIаьхьа йоьлхуш Тоита а, Селхьат а, ПетIамат а, Бака а йолуш.

***

Пхи-ялх дошло хьалха ваьлла вара.Iумар-Хьажа тIехь волу ворда юккъехь яра. ТIаьхьа хIоьттина вогIуш а вара иттех милцанер, шайна юккъехь гIадвахна Шахбулатов а волуш. Цуьнан дагна там хиллачух тера дара. Хаза бIаьстенан Iуьйре яра. ГIа дукъделла гондахьарчу хьуьна юккъехь хIуммаъ ца гора. Наггахь екаш аттйокх а хезара.
Кордон лаьттачу дукъ тIе хьала а бевлла, КъочIин шовда долчохь жимма са а даьIна шайна а, говрашна а хи а малош, юха орцан басах аренгахьа боьдучу новкъа чубирзира милцанераш.

***

Дагна гилгаш дохуш, корта бахош яра бIаьстенан зазанийн хьожанаш. Цара цкъа ойла юткъйора, байттамалла бохуш лаьттахула яржайора, юха тIома йоккхий, стигланийн есаллехула седарчийн шийлачу нуьрехь лийчош, йист йоцчу, бух боцчу хIорда чу кхуссура. Къеначарна генара къонала дага йоуьйтура, къоначеран дегнаш сатийсамех дузура. Кхане кхин а дика хир ю, бохура цара къоначаьрга.
Баккхийчарна-м хаьара, шайн уггаре хаза бIаьсте азаллехь йиснийла.
ХIетте а дикане сатуьйсура цара, шайн гондахь кхехкачу дахаре а хьоьжуш. И дахар хьалхачул, шайн жималлехь хиллачул дукха а инзаре а, самукъане хилар а гора царна. Делахь а дIаяхна зама хаза-м хетара.
Ткъа, къоначара-м кханенан ойла а ца йора я таханенан хама а ца бора. Царна моьттура: иштта бIаьсте даима а лаьттар ю, дуьне а, адмаш а иштта хаза хир ду даима. Ткъа Iумар-Хьажин цу хенахь ткъе бархI шо бен дацара. Жима вара-кх иза хенаца а, ойланца а.
Ишттачу хазчу, екхначу бIаьстенан Iуьйранна, тIехьа дихкина куьйгаш а долуш, гIодаюкъ яьстина а йолуш, шен лаамера ваьлла, ницкъ болчеран кара а вахна, говр-ворданан цIа чу тесначу стохкалерчу элан чамхалгаш юьхьах а Iитталуш, бохка буьгу коьма Iахар санна мал а велла, дерригенах а дог а диллина ша муха Iуьллур ву, аьлла, карзахе ойла хьаьвзира цуьнан коьртехь.

***

КъочIи шовданера охьа ах чакхарма хиллал некъ бина хила мегара. «Кхин оццул охьадахча-м, шерачу ара а бевлла, Ламазан тIулг болчу кхочур бу. Цигахь кхеран карара вала хала хир ду. ХIинццехь оцу чIожа бертерчу лекхачу бердах чукхоссавелча, цхьаъ хила а мегара», – бохуш, ойла чIагIъелира Iумар-Хьажин. Цхьадика ши ког бихкина бацара, ткъа тIехьа дихкинчу шен шина куьйган башха ойла а ца йора кхо. Ша Iуьллучохь ши ког меллаша хьала а озийна сахьтан пуржен санна вулавелира иза. Лаккха айъабеллачу малхо бохбина а, некъан йистошкарчу кондарийн генаш юхьах детталуш а, чуьркаша шаьш а хьийзош, горанаша говраш а хьийзош, сабIарзделла, малбелла богIура кхунна гондахьара бIо.
ЦIаьххьана шен шина кога тIе ира а хIоьттина вордан тIера чукхоссавелира иза. Хуьлуш долчух милцанераш кхетале гIа дукъделлачу хьаьмцийн коьллашний, бIаьллингашний юкъехула дIатилла воьду и некъана ши-кхо гIулч бен гена боцчу бердах чухецавелира. Пен санна нийсса охьа бацахь а дукха Iункарнехьа а, лекха а берд бу иза. Куьг таса кхуьнан аьтто боцуш бара. Шен ма-хуьллу басахь лаьттачу пхонан, попан, бIаьлланган дечигех цкъа цхьа белшан агIо тухуш, юха дехьарчу лохо йоллучу дечигех важа белш тасайолуьйтуш, шен ма-хуьллу когийн буьхьигаш хьала а ойуш, кIажица шен чухьош долу болар лагIдан гIерташ къахьоьгуш чухахкавелла воьдучу Iумар-Хьажина шена тIаьхьа хьоькху маьхьарий ца хезара, тоьпийн татанаш дуьйлура лакхара, шакарш етташ тIехлелхаш, дечигех патташ йохуш, тIулгех суйнаш кхуьйсуш дIаьндаргаш яра.
Шайгахь мел болу патарма оцу чIожа бертехула хи чу а тоьхна, шайга ма-кхайкхалу неIалташ а кхайкхийна, цул сов Шахбулатовс шен бIаьхошна шеггара «баркаллин» неIалташ а кхайкхийна, охьа бахара Iедалан белхалой. Хьалха нийсса дуьхьал нислучу дечигех къаьхкаш цхьана агIор дIа а таьIаш, оцу дечигах белш а хьакхайолуьйтуш, вахана нийса Мартан чу кхоссавелираIумар-Хьажа.
Лакхара чу еттачу тоьпийн дIаьндаргаш кхунна дехьа а, сехьа а хи чу етталуш яра. ХIара царна ган йиш яцара, хьун юькъа хиларна, цул совнаха, 70-80 метр мел кIезиг а лекха басе а яра хIара чу хецавелларг. Мухха делахь, Делан къинхетам хьалха а баьлла, дегIа тIехь тоьпийн чов йоцуш (дечигех дIа веттавелла аьрташа меженаш лазийна дегI Iаржадинера). Иза-м хIуммаъ доцург ма дарий. Сихха кIотарш йолчу агIора Мемат тогIий чу хьала волавелира иза, хи чуьра хьала вала аьтто баьлча бердаца воьдуш, тархана тIекхаьчча, хи чухула воьдуш.
Цу кIелхIара валарх кхин Iедалан кара ца воьдуш хан яьккхира цо, 1944 шо тIекхаччалц.





Дерзор


Цу хенахь бехаш хилла боху дукхах болу нохчийн а санна оьрсийн мотт-йоза хууш вацара Iумар-Хьажа. Жимма Iаьрбийн йоза-дешар хаьара цунна.
1944 шо долалучу муьрехь Мартан-чу салтий а, эпсарш а баьржича, уьш стенна баьхкина хууш стаг вацара. Амма даго хьоьхура, дикачу балхана ца баьхкина бохуш. Герзах боьттина бара салтий. Айъаеллачу меттигашкахь дIахIиттийнера яккхий тоьпаш. Кхобуш лелош андий жIаьлеш дара.
Хьалха гондахьа бехаш а, лелаш а болу нах шайн ворхIе а дайшкара дуьйна бевзаш а болуш, царах доллург а хууш, цаьрца лелон деза гIиллакх а хууш дара.
Ткъа хIинца мичахьара баьлла, беъна ца хууш онда ницкъ баьржинера гондахьа. Уьш цкъа делахь хIара вехаш,   Iаш волчу Совета пачхьалкхан эскархой бара. Нохчий а, гIазакхий а бIешерашкахь юххехь бехаш Iийна хилар а хууш дара. Мухха Iийнехь а, наггахь дов-тIом эккхаш а хилла, виэр-ваккхар нислуш а хилла. И саннарг-м муьлххачу ломан юьртахь а ма нисло!
Цул сов оьрсашний, нохчашний юккъехь захалонаш а, гергарлонаш а дукха дара. Иштта Iумар-Хьажин доттагI вара Хьалха-МартантIехь белгIатойн юккъехь вехаш волу Сайд-Ахьмад. Оцу Сайд-Ахьмадан хIусамнана Нина, 1933 шарахь Украинера схьабаьхкинчу нахах яра. Цхьа ламаз, марха ца дуьтуш, цIена бусулба стаг а яра. Ткъа Соьлжа-гIалара наггахь Мартанчу вогIуш хиллачу Чичилов Сергейн зуда нохчо яра. (Чичилов 1944 шарахь шен зудчуьнца махках а ваьлла, кхойтта шарахь Казахстанехь а Iийна цIа веъна а хилла). И тайпа масалш дукха дара, хIора нохчийн юьртахь а. Цу хенахь бехаш хиллачу нохчийн дукхах болчара къобал веш а, доьналла долуш ву олуш, хастош а хилла Сталин. Иза кавказхо хилар бахьанехь мелла а цуьнца озабезам а хилла вайнехан. Цундела паччахьо шен къоман ца догIу таIзар дан мега аьлла, дагадогIуш а ца хилла царна.

***

Оцу шийлачу чилланан Iуьйранна цIечу эскаран деза де билгалдаккха гуламе кхойкху, аьлла туркхо мохь тоьхча, колхозан хьаьтта гулбелачарна дагахь а дацара шайн дахар цу кепара цIаьххьана хийцалур ду аьлла.
Юьртахойн текхахь бежаш, кхара шайн цIийнах-цIарах бевлла лелаш цхьа мисканаш бу-кх хIорш, бохуш кху тIаьхьарчу шина-кхаа баттахь лелийна болчу салташа, тоьпийн чаппагIнаш, дIаса а етташ гуо бира, и салтий а, и арми а декъалъян гулбеллачу адмашна. Къилбехьа хьаьжча гучу Башломера дуьйна дIа охьа хьаьжчу гучу регIан даккъашка кхаччалц, малхбалера малхбузе кхаччалц бIаьрго ма-лоццу йолчу анийисто доза тухуш болу хIара жима нохчийн мохк дерриге а дуьне дара дукхах болчу нохчийн. ХIунда аьлча, царна кхин дуьне ца девзара. Ийдалан йисте кхаьчна цигахь говрана хи мийлийна вацараIумар-Хьажа, я чергазийн элашца той диъна а вацара ша, я Калак гIалахь оьрсийн инарлашца бух сирла къаьркъа мийлина а вацара иза.
Цо хIинцалца диънарг, мийлинарг, цунна гинарг а хIара Дуьне дара. Иза цуьнан Дуьне дара, дика делахь а, вон делахь. Цо цунах тоам а бора, цунна кхин дуьненаш а, кхин мехкаш а ца оьшура.

***

Амма цуьнан Дуьне тахана дохийра. Цхьана ондачу, къизачу, мичхьара бу ца хуучу ницкъо дохийра цуьнан Дуьне.
Оцу ницкъаца къийса а, цуьнца тIом бан а хала дара цунна. Я муха къийса деза, хIун дан деза а ца хаьара цунна. Хьо а, хьо санна массо а адамаш а, дерриге а халкъ а мостагIчух лардан, бохам юха тоха, аьлла, кхоьллина ю моьттура цунна паччхьалкхе а, оцу пачхьалкхан эскар а. Ткъа шен дена муьтIахь долчу, дуьхьала хIума ала бакъо йоцчу берана цIаьххьана карзах а ваьлла да тIе кхевдича, цо ша маьттаза, кIоршаме човхийча, хIун дийр ду цу беро? Иза Iадор ду-кх, доьхна ша дан а, лело а дезарг ца хууш, дуьсур ду-кх. Муьлхха а, бехк боцуш, гуьнах а доцуш, цIаьххьана стаг таIзаре озийча, иза уггаре а хьалха цецволу, вуху.
Шен бехк буйла а хууш, шена цхьа таIзар дан мегийла а хууш верг-м оцу балхана кийча а хуьлу, иза-м харц-бакъ леладой кIелхьара а волу. Ткъа дийна къам схьа а лаьцна цхьана Iуьйранна къиза чехош хьовзийча, хуьлуш долчун дуьхе ца кхуьуш а, ма йолу хан.
Харцо юйла, тешнабехк буйла хаьара. Иза лан хала хIума дара. Цо бен Iаткъам къиза бара. ДегIера гIора дIадаьккхинера цо, деган лаам гIелбинера, бIаьрса кхолийнера. Шена гондахьарчу мисканашна гIо-накъосталла дан аьтто боцуш ша висарна а холчохь вара иза. Шен ден, ненан, йишин, вежарийн бIаьра хьежа хала дара. Кхин а чIогIа халонга даьллера шен нийсархойн, юьртахойн, махкахойн, зударийн, кегийчу берийн бIаьре хьажар.
Мангалца а, дагарца а белхаш бина, берчадевлла шуьйра куьйгаш тIехьа а лоьцуш, кортош охьа а охкийна даьхни санна даьхни лелочу вагонаш чу хьала буьйлуш болу махкахой, осал бевллий, къуонахалла  кхачийний бацара. Цаьргахь, оцу нохчашкахь, хIокху дуьненчохь долчу цхьана а къомехь доцу собар а, доьналла а дара.

***

Боьхний, баьржинийний хьийзарш а нислора. Царна а билла бехк бацара цхьаннан. Хийла кIант оцу хьалхарчу дийнахь 23 февралехь а хIалакьхилира.

***

Хьалха-МартантIехь лакха эвла исттехь гулйина цхьа тоба хиллера. Сахуьлучу хенахь Iуьйранна хилла иза. Царна хьалхахь къамел деш, хуьлуш долчух уьш кхетош эпсар хиллера. «Шегахь долчо герз охьа дилла. Нагахь герз охьа ца диллахь, тIаккха иза гучу а далахь, къамел доцуш, тоьпаш тухур ю, – элира цо. Оцу тобанна юккъехь хиллера, Мартан тIе шен шича Абу-Хьасан волчохь буьйса йоккхуш хилла волу СаьIин Баудди,Iумар-Хьаьжин уггаре а тешамечех накъост вара иза. Бауддис шен четара ворхIазза йолу тапча шен ден шичан йоIе дIаеллера. Цхьана салтичунна хааделла и гIуллакх.
ТIе а вахна: «Покажи, что ты спрятала! – тIечевхина иза йоIана. Важа йоьхна хьаьвзина. Эццахь хьалха иккхина Баудди.
– Схьая сан тапча, – аьлла.
– ХIара хIунда лачкъайора ахьа, охьайилла бохург хIун ду ца хаьа хьуна? – хаьттина эпсаро.
– Хаа-м хаьара шуна, делахь а цхьана нахаца дов долуш вара со цундела ларвалархьама оьшур суна герз, – аьллера Бауддис.
– Кхин оьшур дац, хьуна и герз. Тоьпаш тоха цунна! – омра дина эпсаро.
Оцу минотехь шина салтичо белашца жимо саьнгар а яьккхина, цу йисте дIахIоттийнера куьйгаш дихкина волу Баудди. Шайна хуучу кепара доIанаш деш, аяташ доьшуш божарий а болуш, боьлхуш зударий а, бераш а долуш, хьалхахьа ча а диллина цунах цIе а тесна, оцу серлонгахь тоьпаш тоьхнера Бауддина. Циггахь тIе латта тасар бен, кхин дан хIума доцуш дIабахнера нах…

***

…1957 шарахь нохчийн цIа бирзича и меттиг кара а йина, цхьацца билгалонаш тидаме эцна хиллера-кх Турпалхан Абухьасана а, ТIуртIуз Бауддис а, кхечара а, Бауддин даьIахкаш Мартанчохь Орцан кешнашкахь дIаерзийнера бусулбан Iедалехь. Цуьнан коьртан туьтанчохь масех даьндарг карийнера олура цара…

***
Сибреха бина некъ цкъан а бицлур бац… Йист йоцу аренашкахула малхбале дIаоьхура цIерпошт. Чкъургийн тата декара коьрта чохь… Наггахь цхьана вагона чуьра арадохура шелонна а цамгарна а, мацалла а кхелхинчийн декъий. ДегIехь жимма гIора долчо гIорийначу лаьттах мелла а саьнгар а йоккхий дIахуьлдора дакъа. Дукха хьолахь и дан а ца ларош, лайтIехь дакъа дуьсуш меттигаш а нислора. Шайн гIуллаккхна охьабиссина нах (зударий цхьана агIор, божарий вукху агIора) дIаса бовлура. ЦIерпоштано кIайн Iаь а хоьцуш шок тухура шалон йолалу хан тIекхочуш юйла хоуьйтуш. Хьалавала ца кхуьуш тIаьхьа виснарг кIелхьара вала меттиг болуш вацара.
Цундела массо а бер а, зуда а, хьалаваьллачул тIаьхьий бен (царна хьалабовлуш гIо а дой) хьала ца волура Iумар-Хьажа.
Шийлачу, IаьнтIехь багара дIа кхоьссина долчу туйх лаьтта охьакхачале шан карчолаг хуьлучу Семипалатинске дIакхечира хIорш эххар а, шина кIиранах сов некъ бинчул тIаьхьа. Цигахь лайнарш, гинарш дийцина а вер вац. Кхарах дIа а къаьстина Иртышал дехьарчу цхьана метте кхаьчна хилла волу Дота а, цуьнан хIусамнан ПетIамат а, ши кIант а кхелхинера. Дотин берех виснарг цхьа Iали вара. (Иза хIинца а Мартанчохь вехан ву). Дукха хан ялале Шахьби а дIавелира. Цуьнан тIаьхьара ялийна хиллачу зудчо Асмаа вина кIант вара Муса бохуш. Диъ шо кхаьчна волу иза урам-новкъа араваларх кхин ца карош вайнера. Шахьби кхелхинчул тIаьхьа Асмаъ шен гергара нах болчу дIаяхара. (Цул хьалха ялийна хиллачу Човкас вина волу Iиса а чувоьллинчохь 1959 шарахь кхелхина)

***
Жимма адамашна чу са а деъна, паргIато хааелча Чимкент йолчу агIора дIабахара биснарш. Тоита а,Iумар-Хьажа, Абу а, Селахьат а, Бака а, Тюлькубасски райнерчу Кильты-Машат олучу шахьте балха вахараIумар-Хьажий, Абуй. (I949 шарахь охьабоьжначу тоькан серех а хьакхавелла оцу шахьта чохь кхелхира Абу). Нахана чIогIа дукха везаш, забар йолуш, самукъане стаг хилла Абу. Кхин шен доьзал боло ца кхуьуш, тIаьхье йоцуш дIа а ваьлла иза.
Шахьта чохь кхуьнца болх беш хилла дуккхаъ кегийнах а, мехкарий а Шерипат бохуш ДаьргIара я Тезакхаьллара хиллехь а цхьа жима зуда хилла. Цунна тIехьийзаш, бегаш беш Абу а хилла. Цуьнца йохье вуьйлуш, къийсалуш Сайпа бохуш кхин цхьа стаг а хилла.
– Шерипатна со веза, ахьа лелориг эрна ду, Абу, – аьлла Сайпас.
– Иза-м хала къасто дезаш хIума дац, – жоп деллера Абус. Шайн белхан хIуманаш тIе а юьйхина шахьти чу бисса кечлуш хилла белхалой. Божарий а, зударий гулбеллачу хенахь Абус, аьлла:
– Шерипат! Ахь сох, Сайпех цхьаъ къасто веза, хьайн даго къобалвешверг билгал а воккхуш. Я тхойшиннах тоьллачуьнга ян еза хьо, – аьлла. Сайпина муьшка тоьхна цо. вукхо схьа тоьхна. Иштта и шиъ тийсалуш хилла, хьуьха а воьлла. Гондахьа лаьттачара аьлла хилла:
– Ялахьа, Шерипат, цхьаъ харжий, цхьанна цIе яккхахь, и шиъ вовшийн карах валийта гIерташ хьо яцахь.
ТIаккха аьллера боху Шерипата.
– ХIай, Сайпа, витахь и Оба хьийза а ца веш…
– ХIан, ДIаэца хьайна, – аьлла шен накъостана белшах куьг тоьхнера Абус, – Хаьий хьуна хIинца?

***

Iумар-Хьажий, Бакий цхьаьна дехаш пхийтта шо даьллера. Доьзалхо вацара. Оццу шахта чохь болх беш йолу Асмаъ ялийра Iумар-Хьажас 1946 чу шарахь. Асмаа вина кхо кIант хьалакхииира. Уьш хIинца а Мартанчохь бехаш болу: Вахий, Тапий, Овханний ву. Церан массеран а доьзалш а бу.
1957 шеран ноябрь баттахь Мартанчу цIа веара Iумар-Хьажа. Тоита а дуккха ца Iаш дIакхелхира 1958 шеран март баттахь. 1978 шеран бIаьстенан юьххьехь дIавелира Iумар-Хьажа а.  69 шо бен дацара цуьнан. Амма ша йоккху хан шена а, шен тIаьхьенна а юьхкIам болчу агIора яьккхина, шех ала дика дош дитна, бакъ дуьненчу дIавахара и бакъ волу къонах. (Бака Михалске шен ваша Хьамид волчу дIаяхара цул тIаьхьа. Асмаъ шен кIенташца Iийра 1990 шо тIе кхаччалц. Оцу шарахь кхелхина иза.

***

Иза бакъдуьненчу дIавахна ткъе пхиъ шо сов хан яьлла. Амма суна цкъан а виц ца ло иза. Даима а дуьхьал лаьтта цуьнан шатайна сибат. ХIинца а цуьнан аз хезаш санна хета. Цуьнан велавалар, оьгIазвахар… гуш санна хета. Дагахьбалам лаьтта цуьнга кIезиг ладегIарна, цо дийцинарг, аьлларг дIа ца яздарна.
Маттана говза вара иза. ХIума хаздина, марздина, суьрташца къачийна дийца хаьара цунна.
Цхьана дийнахь,I962  шеран аьхке яра иза, Соьлжа-гIала дахана цIа деара Iумар-Хьажий, Бакий. Шаьшшимо цигахь лелийнарг, шайна гинарг а дуьйцуш Бака хьийзайора цо.
Велакъажар доцуш дуьйцура Iумар-Хьажас:
– Соьлжа-гIаларчу базаран юххерчу автобус ларъеш Iаш ду тхойша. Хьуьлла дехьо лаьттачу цхьана зудчунна тIеяха хIара. Мар-мара а кхийти хIара шиъ. Цкъа йоьлуш къамелаш до кхара, юха цIаьххьана елхайолаели хIара шиъ, бIаьргех йовлакхан тIемаш хьоькхуш. Юххера нах а бу цецбуьйлуш кхаьрга хьоьжуш. Со а ву сабIарзделла, ойла еш: «Боккъала мила ю техьа и зуда, кхунна карийнарг. Суна цкъан а гина а, евзина а ма яц иза. Кхеран гергара елахь, суна а бехкен стаг а ма хир ю иза. ХIун дича бакъахьа дара техьа»?
Цхьана сохьтехь сов къамелаш ди кху шимма. ТIаьххьара а, цхьа Делан къинхетам хъалха а баьлла, оцу зудчун автобус схьа а еъна, (тхойшиннаг-м шиъ автобус дIаяхна, хIора ах сахьт моссуза дела ма йогIу МартантIе автобус), и зуда цхьа дика дIа а яхна, гIуллакх хили.
– Делан дуьхьа дийца бакъдерг, ян мила яра и хьоьца лаьттина зуда?—хоьтту ас
– Иза-м хьуна евзар яцара. Тхан цхьа гергара стаг яра иза-м – боху шеха-а, яIна а сеттош.
– Вай! Шун массо а бохург санна йиш-ваша, шича-маьхча суна вевзаш ма ву. Мила яра иза? Дийцахьара ахь, – хоьтту ас.
– Эцца,  сан ден йиша яханчун вешин зудчун йишин йоI яра иза-м.
– ЦIена юьхьIаьржо юкх-хьо зуда.
– ХIунда боху ахь?
– Дера боху, и тайпа чоьхьара, йоцуш ца торру гергара стаг, цу кепара, суна а ца йовзуьйтуш,  соьга мелла а цуьнца гIиллакх ца леладойтуш,  дIа муха йохуьйту?
– Цунна-м хьо ца вевзара, – боху -кх.
– Цунна со вовзале дагIахьара къемат шо. ЦIе хIун яра цуьнан?
– Делан дуьхьа суна хIинца дага-м ца йогIу цуьнан цIе.
– Дедиса ахь дуьйцучун… – реза воцуш мерах шок тухура цо.

***
Iумар-Хьажас дина а, аьлла а боху хIуманаш кицанаш а хилла лелаш ду дуккхаъ йолчу нохчийн ярташкахь. Иза вевзаш а, везаш а хилларш дIабевлча а цуьнан цIе йовр яц. Цунах масал оьцур ду къонахий хилла луучу кегийрхоша. Иштта хирг хиларх теша лаьа.
Даима а лаьттар ду цуьнан бералла дIадахна долу Мусин Ирзу, Мемат тогIийчухула эзарнаш шерашкахь санна охьоьху Марта а.
Кхин адамаш, кхин гIиллакхаш ду-кх оцу меттигашкахь тахана дехаш. Царах лаьцна яздеш а цхьаъ хир ву-кх тIейогIучу хенахь.

2004 шо.