Поэт санна язйина ца 1аш, журналистикехь а г1улчаш

Банжаев Аьрзу
 Поэт санна язйина ца 1аш, журналистикехь а г1улчаш ехийра цо

   Соьлжа-Г1алахь дуьнен чу ваьлла вай вийца лерина волу турпалхо. Цуьнан дайн охьабовлар Дишни-Веданара ду. Карарчу хенахь Грозненски к1оштарчу Чурт-Тог1и юьртахь 1аш ву иза. Литературехь  шен ц1арцачул а дика вевзий-те аьлла вевза и «Дишнийн Мурд» псевдонимца. Зорбане дийларшкахь гуттар и псевданим хуьлу цуьнан. Вай вуьцург Мурадов 1ела ву. Дуьххьара соцсеташкахь и псевдоним сайна гиначу хенахь, со-суо а 1ийра и мила ву ца хууш. Т1аьхьо-о иза Мурадов 1ела хилар гучаделира.
    Грозненски к1оштан Чурт-Тог1ерчу юккъерчу школе деша вахана иза. 2007-чу шарахь и школа чекхъяьккхина. Оццу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университете филологин факултете вахана 1ела «Нохчийн мотт, литература а, оьрсийн мотт, литература а» говзалла караерзон. 2012-чу шарахь университет чекхъяьккхина. Цул т1аьхьа  белхаш бина  газеташкахь, журналехь, иштта радиохь а, телевидинехь а. Карарчу хенахь Нохчийн меттан институтехь редактор ву иза.
   Билгалъяха лаьа цо ша «Исламан з1аьнарш» газетехь болх беш волуш лелийна «К1иранан хаттар», «Муьта1еламаша дуьйцу» ц1е йолу рубрикаш. Къаьсттина билгалъяккха лаьа 1елас нохчийн г1иллакхах лаьцна язйина «Вайн дайша шайца д1ад1аьхьи-те г1иллакх» аьлла йолу статья. Йоккха статья яра иза. И статья «Исламанан з1аьнарш» газетехь араяьллачул т1аьхьа, мехала яьлла а хилла. «Суна ца хууш а, цхьацца газеташкахь зорбане юьйлуш хиллера и статья»,-бохуш, дуьйцу цуьнан автор волчу Мурадов 1елас. Цо гойту, журналистан санна, цуьнан цу хьаьрмахь кхиам хуьлуш хилла хилар. Кхечанхьа рицкъанаш хилла хилар бахьана долуш, и болх юкъахбисар нисделира цуьнан. Амма, ша и болх бечу хенахь, и болх безаш, доггах цу т1ехь ваьллира и. И «Исламан з1аьнарш» газетехь волуш, 1елам нахера интервьюш оьцуш, Нохчийчохь и кхачаза меттиг йисина а яцара. Иза доггах шен болх безар дара.
   1ела, доккхах долчу декъана, журналист ву ала мегар ду. Вай х1инцца лакхахь цуьнан белхан меттигаш ягаръеш, къеггина гучадолу иза. Цуьнан цу белхан меттигашка хьоьжуш 1аш ойла кхоллало: ша болх бечу меттехь шен хаарш ца гайтинехь, оццул белхаш белла хилла хир бацара цунна хаамийн г1ирсашкахь, аьлла. И сан ойла т1еч1аг1ъеш санна, сийлаллин грамоташ, дипломаш а ду цуьнан цо бинчу балхана делла. Россин Журналистийн союзан декъашхошна юкъа а эцна Мурадов 1ела.
   1ела журналистикица юкъаметтиг еана ца 1аш, литературица а юкъаметтиг йолуш ву. Дуккха а газеташкахь а, журналашкахь а, юкъарчу гуларшкахь а зорбане вийлина иза. Х1инца а кест-кеста зорбане вуьйлуш ву юкъарчу гуларшкахь. Билгалъяха лаьа и зорбане вийлина цхьайолу юкъара гуларш. Уьш ю: «Чахчари», «Синмаршо», «Ас седа бохьур бу хьуна»…
  Литературехь коьртачу декъана байташ язйо цо. Динца йог1уш йолу байташ к1еззиг ца хуьлу 1елин. Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) валар-висар, г1иллакх-г1уллакх, адмалла, бакъо-харцо юьйцуш хьулу цуьнан байташ. Цуьнан цу т1е дог-ойла кхийдаш хилар гуттар хазахеташ ду.