Дешнаш ду... духкуш

Адам Делибер
,,Оьцур ду дешнаш! Духкар ду дешнаш!,,-
Детташ хезаш ду м1аьъ- маь1нехь ц1ог1анаш...
Жиманиг, воккханиг д1ахьаьда базара,
Сихонца кхисса терзана шайн мог1анаш.

Терзанахь дешнаш ду маьхза д1адухкуш,
1уьт1а, харданга, бежло а меххехь ву!- СХЬА ДА!
,,Мах бацахь - дош а дац!,,- цхьаммуо схьабоху,
Йоьхьа доьхьала схьа, ца хеташ иэхь.

Хьайн ала дош делахь даггара, доттаг1а,
Ма хьуолахьа терзане, сихвелла, ахь!
Лардеш д1адилли, даккхалахь кхане!-
Йийр ю хьан кханенехь т1яхьено яхь!