нохчийн меттан истори

Банжаев Аьрзу
 Мотт – г1ирс бу, кхидолчу муьлххачу х1уманна вай лелош болу г1ирс  санна, адамаша вовшийн хаамаш д1асалуш болу, олуш 1едал ду журналистан Тумчаев Адаман. Суна а цунна т1етан лаьа.      
     Мотт– хаам бу, иштта юкъараллина юкъара з1е а ю и. Нийсса аьлча, мотт – г1ирс бу… Г1ирс бу и, и ца хилча адамашна мел эшам хир бара ойла а ца ялуш болу. Маттаца вайн лаамаш буьйцу вай: д1аолу вай, схьаолу вайга. Адамашна юккъера хаамийн з1е ю мотт. Мотт ца хилча, х1инцца вай лакхахь ма-хьахадарра, ма-торру шега хаам схьакхача а, я шегара хаам д1акхачон а аьтто хир бацара нехан. Нийсса аьлча, и аьтто гуттар а къен хир бара: и аьтто куьга ишарца, иероглифца, я петроглифца хила там бара вайн. Вайна цу кепара къахьега а ца дезаш аьтто бу вовшка хаам д1акхачон. Ткъа и дерриге меттан беркат ду. Дукха хан ю нохчийн халкъ цу беркатца дехаш долу. Масех эзар шарера дуьйна схьа, беха орам бу нохчийн меттан. И орам Урарту олучу цивилизацера схьа бу. Иза 1илманчаша къобал дина ду. Нохчийн, г1алг1ийн меттанашца бен, кхин цхьана а маттаца талла ца делла цу цивелизацех дисина долу йозанаш. Цо гойту вайна орамаш мел гена доьлху! Вевзаш волчу урартолога И. М. Дъяковс шен белхашкахь боху: «Хурритийн, урартийн, малхбалехьарчу Кавказан меттанаш гергара хилар билгалдаьккхина лара мегар ду»(уггаре хьалха цо буьйцурш вайнах бу). Иштта боху Вевзаш волчу 1илманчас-лингависта Ю.А Дешериевс а шен «Урартун а, Нохчийн а лексика, морфологи, синтаксис», аьлла болчу 1илманан белхашкахь. И.М. Дъяковс бохург т1еч1агдеш санна, оцу дакъошкахь Урартийн мотт вайн нехан маттаца ч1ог1а бог1уш хилар хоуьйту цо. Ткъа дуккха а кхечу тайпана ойланаш ерш а нисло. Вайн орамаш Урарту доьлху, я уьш Урарту ца доьлху аьлла, и т1еч1аг1дан а х1уьттур дац вай бохучу маь1нехь ю церан ойланаш. Х1унда аьлча, иштта ду и аьлла, цунна зайл тоьхна, и цу т1ехь сацон к1орггера бина талламаш дукха бац 1илманчаша, я царна  и талламаш бан цу цивилизацех дисина иштта дукха йозанаш а дац, боху цара.
      Ткъа ша Урарту йоккха цивилизаци хилла хилар билгал ду. Шайн дика эскар хиларе терра, дуккха а мехкаш схьалецна а хилла цара. 1илманчаша бахарехь, иза х1инца Эрмалойчоь йолчу меттехь хилла. Лакхахь ц1ераш яьхначу 1иманчаша бахарехь, ткъа цо вай цу аг1ор 1ийна хилар билгалдоккху.
     Урарту цивилизаци 1амор ч1ог1а мехала ду историкашна, археологшна тахана. Дуккха а къайленаш юьсуш, вайн эре схьакхаьчна вай. Х1етта а вайн эрехь дерг а ма-дарра хууш дац вайна. Маттаца доьзначун дуккха а къайленаш йисина вайна кху эрица а. Б1аьвнашна т1ехь, чарташна т1ехь, цхьацца герагашна т1ехь, иштта д1а кхечанхьа Нохчийчохь дукхазза а карадо тайп-тайпана йозанаш, хьаьркаш, петроглифаш... Цара а билгалдоккху Нохчийн мотт «селхана» кхоллабелла цахилар.  Къаьсттина билгалбаккха бог1у  IV-чу б1ешарахь гуьржаша вайна бина т1е1аткъам. Мотталлархоша яздо, цу хенахь йина хиллачу вайн г1ишлошна т1ехь гуьржийн элпашца яздина йозанаш карош хилла хилар.
     Кхин а хьахон лаьа, тахана а Нохчийчохь вайна карош лаьтташ ду идеографически йозанаш а. Къаьсттина уьш карадо ширачу б1аьвнашна т1ехь, чхернашна т1ехь, чарташна т1ехь. Тайп-тайпана и идеографаш к1езиг яц… Говзанчаша билгалдаккхарехь, гуонна юкъахь йолчу ж1аро – дуьненан йиъ аг1о, беккъа гуоно – абаде, иштта д1а кхин а х1уманаш билгалдохуш хилла цу идеографаша. Цундела юха а цкъа ала йиш ю вайн, вайн къам шира хилар а, вайн къоман шен маттана оьшуш йолу билгалонаш йозанехь лелош хилла хилар а.
      Пайхамаран (Делера салам-маршала хуьлда цунна) асхьабаш баьхкина Дагестане дин довзуьйтуш, бусалба дин даржадоладелла Къилбаседа Кавказехь. Дагестанера схьакхаьчна Нохчийчу бусалба дин. Дин довза, 1амон буьйлабелла нохчий. И 1амош, оьшуш хиларе терра 1арбийн мотт 1амон буьйлабелла уьш. Цу маттаца мелла а уьйр тасаелла. Динца дерг мелла синна гергара хиларе терра, нохчаша 1аьрбийн алфавит т1еэцна. Ткъа 1аьрбийн маттахь элпаш мелла а к1еззиг ду, вайн маттахь долчу аьзнашца дуьстича: церан ткъе барх1 аз-элп ду, ткъа вайн шовзткъе исс. Цундела, дуккха а аьзнашна элпаш карон дезаш хилла. И бахьана долуш, 1аьрбийн алфавитца дерг нисцаделла.
      Цул т1аьхьа Услара Петара нохчийн алфавит х1оттийна оьрсийн графикин буха т1ехь. (Досов Къеда хилла олуш берш а хуьлу цуьнца цу балхана юкъара. Амма, ас х1ара язъян материалаш йоьшучу хенахь со цуьнан ц1арна т1е ца нисвелла). Ткъе варх1 элпах лаьтташ хилла и алфавит. Дисинчу аьзнашна элпаш лоьхуш, кхечу къаьмнийн алфавитах пайдаэцна цо. Уьш хилла латийнин а, гуьйржин а элпаш. Цо бинчу балха т1ехь йоза 1амош г1алахь схьайиллина школа а хилла. Цу  школехь дешархоша сихха лаккхара кхиамаш бохуш а хилла. Цу ханчахь а, цул т1аьхьа а нохчий шайн амале берзон, цаьрна шайн идиологи д1акхачон йоза 1амон г1иртина хилла олу уьш. Иза иштта хирг хиларх теша а теша. Церан 1алашо нохчашна шайн амал, лелар чудилла 1алашонца хиллехь, я ца хиллехь, Услара а, и санначара а бина и болх бахьана долуш, дешарехь мелла а кхиадоладелла вайн халкъ. Цундела,и церан хилла лаам вайна 1овжаме белахь а, вайна хаа деза цуьнах вайна баьлларг пайда буй.
      Ч1ог1а мехала хилла цул т1аьхьа 1908-чу шарахь Эльдарханов Таьштамира х1оттийна абат. Оьрсийн графикин буха т1ехь х1оттийна хилла иза. Цхьацца хийцамаш хиллехь а цу т1ехь, коьртачу декъана Услара Петаран бинчу белхашна т1ехь бина хилла цо и болх. Дуккха а цуьнан графика аттачу яьккхина а хилла цо. Услара гуьржийн маттера т1еэцначу элпийн билгалонийн меттана цхьацца оьрсийн элпаш а т1еэцна хилла цо, цхьаццадолчу элпийн билгалонаш иштта д1а а яьхна Таьштамира. 36 элпах лаьтташ хилла и алфавит. Цул т1аьхьа 1911-чу шарахь юха араяьккхинехь а Таьштамиран абат, амма, Услара бина болх санна т1е ца эцна иза, я иштта шуьйра баржа а ца баьржина Таьштамаран и болх.
     Юха а 1аьрбийн алфавита т1едевлла. 31 элпах лаьтташ хилла и ерриге алфавит. Вай лакхахь ма-хьахадарра, ткъа иза вайн маттахь долчу аьзнашка хьаьжча, 1аламат к1езиг хилла. И бахьана долуш, язъечу хенахь дуккха а хьаьркаш яхка езаш хилла. Оцо ч1ог1а халчу доккхуш хилла йоза. Оцу ерриге халонашца, 1910-г1а шо кхаччалц цу алфавита т1ехь хилла Нохчийн йоза. Оццу 1910-чу шарахь Гайсумов Со1ипа цу алфавита т1ехь книга арахецна. Цу книги т1ехь цхьацца хийцамаш а бина цо. Цо бина и болх бахьана долуш, цхьацца вайн элпаш доцуш долчу аьзнашна элпаш а карийна хилла. Цу алфавитан а ца хилла беха кхоллам. Цул т1аьхьа иттех шаре бен ца яьлла и книга а. Нийсса аьлча, 1920-чу шаре кхаччалц хилла цуьнан кхоллам. Цул т1аьхьа цхьа шо даьлча, 1921-чу шарахь соавтор А.Турчаев а волуш, Эльдарханов Таьштамара юха оццу алфавита т1ехь абат арахецна. Юха цхьацца хийцамаш бина а хилла цо цу абат т1ехь. И абат а ца яьлла цхьана шаре гергга бен. Х1уъ а дича а, д1анислуш ца хилла алфавитца дерг. Оццу шарахь Сугаипов Шах1аба хийцамаш бина юха а цу т1ехь. Х1инца хаъал элпаш сов девлла а хилла. Уьш 39 хилла. Цу хийцамашна т1ехь севцца мелла хан-зама еана.
    Советийн 1едал т1едеанчул т1аьхьа а нахана йоза 1амон г1ерташ къахьегна 1едало. Цу хенахь хьалхадаьккхинарг хилла «Дуьнена юкъара революци» а, малхбузехьарчу къаьмнашна пролетариат а бохург. Вай лакхахь ма-аллара, шайн идеологи чеккхархьама хилла церан нахана и йоза 1амон г1ертар. И дерриге латинийн алфавита т1ехь дан хьийзош а хилла. Цхьайолчу республикаша т1еэцна хилла латинийн алфавит. Ткъа Нохчийчохь цу алфавита т1едовларна дуьхьал хилла нах. Къаьсттина дуьхьал хилла динан дай. И бахьана долуш, цкъачунна чекх ца долуш дисина хилла и г1уллакх.
   1925-чу шарахь нохчийн областан президиуман ЦИК-хь т1е а ч1аг1йина, т1еэцна Ошаев Халида, Сельмурзаев Мохьмада кечйина латинийн графикин буха т1ехь йолу нохчийн алфавит. 1927-г1а шо кхаччалц вайн газеташ оьрсийн, 1аьрбийн, латинийн графики т1ехь арадийлина. Амма, 1927-чу шарахь дуьйна йоза дерриге а латинийн графики т1ехь сецна.
    Шайн идеологи чекхъяккхархьама, вайна шайн йоза 1амон г1ерташ хилла уьш аьлла, вай билгалдаьккхинехь а лакхахь, 1аьрбийн маттехула нохчашна хуьлуш болу т1е1аткъам юхатоха шолг1а 1алашо а хилла церан. Церан цу 1алашонехь кадаккха санна, латинин графика 1аьрбийн графикел дуккха а атта хилла. Йоза яздар гуттар атта каредоьрзуш хилла.
   Цул т1аьхьа, мелла а хан яьлча, т1аьхьа юха а 1едало шайн хьалха хиллачу лаамашна, хьежамашна, т1еберзабо шайн лехамаш. Х1инца церан интернационализм, малхбузехьа йолу пролетаризм боху х1ума оьрсийн патриотизм бохучу кхетамца хийцало. Йозаш йолу республикаш кириллицин графикин бух т1ехь хила еза боху кхетам хуьлу церан хьалхьабоккхий. Иза дерриге Россех кхидолчу кигийчу къаьмнашна д1аэн атта хилийта а хуьлу церан. ЦИКан къаьмнашкахула йолчу кхеташонехула низамдоккхий, и дерриге халкъера долуш санна, «халкъийн дехаршца», бохуш, оьрсийн графики т1едоккху цара йоза. Иштта 1938-чу шарахь т1еэцна ю тахана вай лелош йолу алфавит. Цу хенахь дуьйна цу алфавита т1ехь ду вай.
   ( Дагадаийта лаьа, 1990-чу шерашкахь юха а латинийн графикан т1едовлар дийцаре деш хилла хилар. Амма, вайна ма-хаара цунах а г1уллакх ца хилира.).
   Меттан графика хийцаро 1аламат боккха эшам, бохам бо маттана. Уггаре хьалха цу маттахь ара мел яьлла йолу х1ума юха цу графикца араяккха еза: 1аматаш, дошамаш, 1илманан белхаш… Юха нахана и графика караерза а еза. Цу балхана дуккха а хан-зама еза. Мел лаххара а цхьа-ши чкъор хийцадала деза. Цо адаман кхиар сацадой латтадо.
   Тахана долчу хьолехь, графикца дерг кхачо йолуш ду аьлла хета. Амма, ша маттаца долчунна а, оцу меттан нийсаяздарца долчунна а сагатдо. Цкъа хьалха маттах дерг аьлча, вайна ма-хаъара мотт дийно-дийно оьшуш бог1уш бу. Вайна схьагуш ду, наггахь бен вац оьрсийн мотт юкъа а ца балош ненан мотт буьйцуш верг. Оьрсийн маттахь долу дешнаш юкъа а ца далош, вайн мотт бийцича, «Ма ч1ог1а нохчийн мотт хаьа цунна», бохуш, нах цецбуьйлу. Цо буьйцург кхин к1оргера нохчийн мотт а ца хуьлу, юкъа оьрсийн дешнаш цакхийсар бен. Иштта,  вайна ма-хаъара, цецдуьйлу вай нохчийн маттахь д1аоьллина баннер гича, я нохчийн маттахь туьканан я кхечу х1уманан ц1е гича. Массо х1ума бохург санна, оьрсийн, ингалсан, кхечу къаьмнийн меттанашкахь ду, китайн маттахь хилла а, нохчийн маттахь и ца хилчахьана мега вайна. Иза х1уьттаренна ца дуьйцу вай, новкъадолуш бен. Иза массара а дуьйцуш ду. Адаман коьртехь даима шена схьаоьхьург ду. Ткъа яккхийчу пачхьалкхин хаамийн (информационни) хьелаш гуттар вайна шайн т1е1аткъам беш ду. Уьш дуьненан юкъара меттанаш хиларе терра, вайна церан т1е1аткъам ца хуьлуш хир дац. И иштта хилар дара и, школашкахь, оьрсийн мотт, литература йоцурш, йисина предметаш юьхьнцарчу классашкахь нохчийн маттахь хила еза аьлча, дукхах болчу дай-наноша т1ецадитар. Оьрсийн мотт дуьненан юкъара мотт хиларе терра, и хиъча шайн берашка дуьненан рицкъ даккхалур ду бохург дара церан.
    Вайн мотт пачхьалкхан мотт бу аьлла билгалбаьккхина белахь а, вайн маттана уггаре боккха эшам бинарг, эшам бешдерг – делопроизводство вайн маттахь цахилар хета. Иза вайн маттахь хилча, вайн меттан статус хир яра. Т1аккха иза хаахь бийцар, ца хаахь 1амор т1едужур дара. Х1унда аьлча, балхахь, некъахь и оьшуш хилча, цуьнца йолу юкъаметтиг хийца ца лойла а дац. Вайн наха юхьарлаьцнарг а и ду «нохчийн мотт балхахь, некъахь оьшуш бац, берашна оьрсийн мотт 1амон беза, оьрсийн мотт 1амийча тхан берашна болх, некъ карор бу» бохуш. Цара ма-бохху дан а ду иза. Балха х1уттуш вайн мотт хаар т1едожош дац болх лучара (работодателша), оьрсийн мотт хаа безаш хилар санна. Ткъа и кхачамбацарш д1адаьхна г1езалоша. Церан стаг балха воьдуш, шайн мотт хууш хилар т1едожийна ду. И низам вайн а хирг хиларх теша лаьа. Х1унда аьлча, вайн меттан статус хьалаяккха 2007-чу шеран оханан (апрель) беттан 25 де «Нохчийн меттан де» д1акхайкхина 1едало. 1970-чу шерашкахь леррина дешаран хьелашна кхоьллина хилла институт, 2019-чу шарахь «Нохчийн мотт а, истори а кхиоран иститут» аьлла, юха меттах1оттина. 2020-чу шарахь «Нохчийн меттан институт» аьлла, ц1е хийца а хийцина, х1инца и ерриге нохчийн мотт кхиоран хьашташна д1аелла. Оцу институтехь нохчийн меттан г1аролаш хилла, Алироевн, Дешириевн, иштта кхечеран некъ д1акхоьхьуш дуккха а нах бу : Умхаев Хьамзат, Овхадов Муса, Халидов Айса, Вагапов 1арби, Иризиев Сайд-Хьамзат, Абдулкадыров Адам, Бадаев 1айшат кхиберш. Хьалхарчуьнгара схьа а оьцуш, схьадохьуш ду и дерриг а. Кхид1а а иштта д1а г1ур ду, шен къоман дог кийрахь долуш, цхьаъ кхиъна а стаг т1е мел кхуьу. Цунна тоьшаллина далон лаьа суна Алиева Заринас сих-сиха хьахош долу казахан цхьа къамел. Оцу казахе хаьттина хилла бохура, «Хьо воцуш, ахь ца деш х1ума дац-кх» аьлла. (кхоллараллехь тайп-тайпанчу меттигашкахь къахьоьгуш хилла и). Цо жоп делла хилла бохура: Кху къоман опера лакха стаг вацахь, и опера лакха а г1ур ву-кха со,- аьлла. Иштта шен махкахь оьшучунна д1ах1итта т1екхуьу къонанаш т1екхуьур бу аьлла хета кхул т1аьхьа а. Меттан 1илманехь къахьоьгуш берш хилла ца 1аш, литературехь бу вайн дуккха а къахьегна, къахьоьгуш нах. Нохчийн маттахь яздечара доккха дакъа юкъадиллина мотт ларбарна, кхиорна. Къаьсттина уьш хилла, мотт цхьана кепа а боьллина, и мотт ларбеш. Хала, атта ца хьехош, шайн йозанашкахь вайн къоман амал а, шайн патриотизам а гойтуш яздина цара. Церан ц1ераш яха а лаьа. Уьш бу: Айсханов Шамсудди, Мамакаев Мохьмад, Айдамиров Абузар, кхиберш. Иштта церан лорах бог1учу къоначийн з1е а ю дено-дено яхлуш. Иштта и з1е яхъялийта а, литературехула матте болу безам алсамбакха а кест-кеста нохчийн маттаца дог1уш долу къийсадаларш (конкурсаш) хуьлу республикин т1ег1анахь д1ахьош.
      Къаьстина хазахеташ ду 2020-чу шарахь «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» араялар. Вайн лакхахь ялийна нохчийн меттан чолхечу историн мур чекхбаьлла, ала ваьхьар ву ала йиш ю аьлла хета, и гулар араялар бахьана долуш. Х1унда аьлча, 1958-чу шарахь А. Мациевс, З. Джамалхановс араяьхна бакъонаш 1едалан барамехь т1еч1аг1йина хилла ца хиларе терра, массеран а цу бакъонашца дацара йоза яздар.
     Вай лакхахь дицина долу бахьанаш бахьана долуш, х1инццалц вайн мотт г1елонгехь лаьттинехь а, тахана дуккха корта айбан г1ерташ санна хета. Юха а билгалдаккха лаьа: «Нохчийн меттан нийсайаздаран коьрта бакъонаш» гулар араялар. Цо дуккха дог а токхедо. Иштта, тахана санна, охьабиллина нийсаяздаран бух ца хиларе терра, х1орамма шена-шена хеттарг яздора. Газеташкахь, журналашкахь дара иштта хьелаш. Журналисташна, яздархошна ч1ог1а новкъарло йора цу балхо. Цхьатера ца хуьлура церан йозанаш, зорбане дийларш. Бакъо йоцучохь хуьлуш дерг ду иза. Охьайиллина бакъо ца хилча, кхечо мухха язйича а, цхьаьннан г1алатдаккха бакъо яц кхучуьнан. Цу т1ехула ца кхетарш а нислора дукхазза, цхьамма ша яздинарг нийса ду, вукхо ша яздинарг нийса ду, бохуш…  Х1инца дуьйна хетарг бохург лелар дац, цхьана бух т1ехь хир ву массо а. И иштта хилийта, тахана и бакъонаш йолуш ю вайн. Х1инцца уьш т1еэцначул т1аьхьа дерриге цхьана бакъонашна т1едоьрзур ду. Т1аккха дуьйна нохчийн меттан историйн сирла, к1айн аг1онаш д1аюьйлалур ю аьлла, теша лаьа.
      Мотт – шина тайпана хуьлуш бу: къамелан (разговорни) а, йозанан (письменни) а. Массо дош къамелехь ма-аллара ца яздо. Яздеш лелош болчу матто, нисса аьлча, литературни матто латтош бу мотт цхьана т1ег1ан т1ехь. Меттан хат1, куц-кеп цхьана эшарехь а цо латтош ду. Иштта диалекташца долчуьнца а цхьалхо йокхху литературни матто. Нохчичохь х1ора к1оштахь бохург санна, шайн-шайн диалекташ ю. Уьш иштта кхидолчу къаьмнийн а хуьлуш ю. Иза мотт шира хилар ду олу матта т1ехь болхбечара. Диалекташа мотт хазбо болу филолагаша.
     Литературни мотт аренца йолчу диалектийн буха т1ехь билгалбаьккхина бу. Ткъа ерриге диалекташ ворх1 декъе екъалуш ю. Уьш ю:
 аьккхийн,
маьлхийн,
 итум-кхаьллан,
 галанч1ожан,
 шаройн,
ч1ебарлойн,
кистийн.
И диалекташ шайн-шайн лерашка (говоршка) йирзина а ю:
маьлхийн,
нашхойн,
 веданан,
д1айн,
т1ерлойн,
пхьарчийн.
     Оцу дерригенан ойла йича, «Диалекташ хилар мотт шира хилар ду» бохучунна т1евуьгу .
    «Са диалект нийса ю, хьан диалект нийса яц» бохуш, шен-шен х1ума хьалха даккха хьажа ца веза, нийса долчунна т1етевжаш хила веза ву шегахь адамалла ерг… Нохчийчохь мел йолу диалект а вайн ю, уьш цхьа а нехан яц. Амма, массеран а цхьа мотт хила беза, ас ала хьизориг литературни мотт бу. Литературни мотт – оцу меттан ч1аг1о ю. Цо мотт гал ца болуьйту, цхьана хоршахь латтабо.
        Мотт ца хилча, 1илма 1амалур дацара. Къамелан (разговорни) мотт хиларх, яздаран мотт (письменный язык) ца хилча, адамаша таханалера лакхенаш яьхна хир яцара 1илманехь. Вай лакхахь ма-аллара, мотт – шина тайпана хуьлуш бу: къамелан а, йозанан а. Къамелан маттаца чолхе 1илманаш– матиматика, физика, хими, и. д1. Кх и 1илманаш коьртехь латтон а, уьш дагахь латтон а онда хье безар бара, яздеш болу мотт (писменный язык) ца хилча. Нийсса аьлча, т1оьххула бен и 1алманаш 1амалур дацара (дагахь лаьттар дацара). Цу т1ехь вайна аьтто бинарг йозанан мотт бу.

Пайдаэцна И. Ю. Алироевн, Р. В. Гудаевн книгех.

Банжаев Аьрзу