Нохчийн мотт- къоман дахар

Петимат Абубакарова
  Делера Салам-маршалла хуьйла массарна.
       Таханлера цхьаьнакхетар д1адоло лаьа  шен омрица  2007 чу шарахь 25-г1а апрелан (оханан)  де нохчийн меттан Дезде ларарца    д1акхайкхинчу вайн Республикан куьйгалхочун  Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан баркалла аларца…
  2003-2006  шерашкахь дара иза, со Соьлжа-г1аларчу цхьана  ишколехь болхбеш яра. Х1ета ч1ог1а ледара хьал х1оьттинера нохчийн мотт хьехарехь, т1емаш д1адевлла ,чевнаш ерзаза яра Нохчийчоь а… Мохк кхиар -мотт кхиарца доьзна  дуйла хуучу  яхьйолчу кхоллараллийн  адамашкахь  боккха сингаттам бара нохчийн мотт ледарчу хьоле берзарна а, и д1абаран дозане кхачарна а. Я  къам а, я мотт , я мохк а-и маь1не дешнаш   бен-башха ца хетарш а бацара к1еззиг.
    Х1ета  айдина лазаме хаттар дара юкъараллехь, къаьсттина ишколашкахь: «Оьшу я ца оьшу нохчийн мотт хьеха?»
Халхеташ делахь , а  нохчийн мотт хьеха ца оьшу ,цунах хуьлуш цхьа а пайда бац бохуш дуьхьалонаш еш берш вайн  къомах болу  хьехархой  а, иштта дуккха  берийн дай-наной а бара. Т1аккха  х1ун дуьйцур дара берех лаьцна, я  х1ун бакъо яра цаьрга мотт хаьа беза баха...Оцу хьекъал долуш белахь а, "кхетамо" ца хьийзабечу наха  ойла ца йора цхьана х1уманан:"Мотт къоман хилар дуйла, мотт -оцу къоман лерса а,б1аьрса а ,ирс а дуйла! 
 Ц1еххьанна кхоларш д1асалаьхкина,боданна  юккъера схьакхеттачу маьлхан з1аьнарех терра  серло луш,  даьржира Нохчийчохь паччахьо д1акхайкхина и беркате омра (указ). Цу д1адоладаларах  дуккха а баккхий хийцамаш хила  болабелира мотт кхиорехь, деборехь…
 Вайна ма-хаъарра доьзалера д1адолалой юкъараллин хьукматашка доьрзу мотт 1амор. Цундела билгалдаккха лаьа, нохчийн меттан хьехархошна  уггаре доккха дакъа кхочу цу т1ехь а.Иштта мотт кхиорехь ондда къахьоьгуш бу тахана  вайн яздархой,1илманчаш, культуран белхалой а.Церан лерам бан а беза,цара хьоьгу къа эрна хила йиш яц. Моттий, къаммий, мохкий –и кхо дош цхьаьна дехаш ду, баьхна халкъан поэто Сулейманов Ахьмада, царех муьлххарг а цхьаъ кхелхича(делча) кхоа а леш ду. Вайн бакъо яц и кхо  деза Дала вайна дина совг1ат  тесна дита.
Х1ораммо а шена хьалха х1отто деза хаттар, х1ун г1о оьшу нохчийн маттана соьгара, стенна т1ера д1аволавелча бакъахьа хир дара те?
   Уггаре а хьалха нохчийн маттахь еша волавала веза, бовза беза шен къоман  1еламнах, 1илманчаш, яздархой,художникаш, довза деза къоман 1адаташ, ламасташ, 1алашъеш кхио  еза  нохчийн  оьздангаллин синмехаллаш.
Бийца беза мотт,«дастам а ца хеташ»,кураллаш а ца еш, уггаре а хьалха доьзалехь, юкъараллехь.Халахеташ делахь а,вайна юкъахь тахана а дукха бу шен ненан мотт цахарах дозалла деш берш.
 
Цхьа х1ума а ду,хьо мичча а кхачарх х1окху вайн боккхачу  Даймахкахь, Россин пачхьалкхехь,иштта дозанал арахь а, хьо нохчо велахь, хьоьга хаттаза 1ийр бац, хьан къомах дерг, хьан маттах ,культурех дерг. Юхь1аьржо ю шен къам ца довзар а. Дуккха а къаьмнех вовшахтоьхна ма ю вайн пачхьалкхе. Царна ойла меттиг бу и:хьайн къам ца девзаш,цунна хьо хийра велахь,хьо кхечу къаьмнашна а ямарт хир ву.Шен мотт цахуучух, шен къомах дозалла ца дечо кхин къаьмнаш а лорур дац, сан кхетамехь.1амо хьажа веза уггаре а хьалха шен къоман мотт.Вай-м оцу сохьта ингалсан,1аьрбийн а,муьлхачу а къоман мотт 1амабо.Х1инца интернет -г1ирсашца и хала а дац, ткъа муха 1ийр ву шен ненан маттах хервелла.Юх-юха а,къоначу т1аьхьенашка ала лаьа:вайн дуккха а  дика а яздеш кхоллараллийн нах бу,церан жайнеш деша деза,шайн чохь дешар марздан деза,  юкъара лазам  ма  бу вайн тахана нохчийн маттаца берг.Цунна вай массо а сема хила деза.
Вайн д1аихна дай-наной, яздархой (Дудаев 1абди,Ножаев Ахьмад,Сельмурзаев Мохьмад,Гадаев Мохьмад-Салахь,Мамакаевг1ар Мохьмад,1арби,Кибиев Мусбек,Байхаджиев Зайнди,Абузар Айдамиров,кхин дуккха а), 1илманчаш(Дешериев Юнус,Айдаев Юшаъ, Джамалханов Зайнди, Мальсагов Мохьмад...) ма-хуьллу вайн къам дахийта г1ерташ, цуьнан меттан, культурни х1онс ца яйта г1ерташ, т1аьхьенашка схьакховдош д1аихна.Эхь дара вайна церан ларам ца бича. Гадаев Мохьмад_Салахьан "Даймахке воьрзу со,я Зуль-Жалала" байтийн оцу цхьана мог1ан ойлайича а хуур ду, церан дагчохь мел иман  хилла,уьш мел мехала  адамаш хилла. Дала декъала бойла уьш массо а, Дала, цара хьегначу хьаналчу къинхьегаман дуьхьа , дебадойла,даржадойла нохчийн  меттан дош.
  Тахана вай гулделлачохь хьахо лаьа, шен ц1е яккха хьакъволу халкъан яздархо, бакъволу поэт, гочдархо, 1илманча Исмаилов Абу. Цуьнан "ДОШ" жайна х1ора нохчочун стоьла жайна хила дезара,соьга хаьттича. Нохчийн мотт 1амо луучунна 1аламат пайдехь г1ирс бу иза. Лексика шатайпа д1анисйина ялийна авторо. Синонимаш цхьаьна мог1ара,антонимаш, шира дешнаш, оьрсийн а нохчийн а маттахь дешнаш, 1ама луучунна некъаш шортта ду.
Нохчо ву со,нохчо ю со бахарх ца тоьу. Нохчолла т1еч1аг1дан деза мотт а,г1иллакхаш а 1аморца,лелорца...
  Къамел дерзо луур ду  къоначу классикех волчу,халкъалахь дика вевзаш волчу Кацаев Сайд-Хьасанан дешнашца: «Вай вовшашка оьрсийн мотт бийцар, кехаташ яздар, книгаш ешар а, къамелехь оьшу дош оьрсийн маттахь сихо кардар а – вайна оьрсийн мотт дика хааран, я бийца и атта хиларан билгало яц. И вайна вешан нохчийн мотт цахааран билгало ю».
Дала вайн мохк ,мотт,къам дезначех, царна пайдехь хиллачех дойла вай массо а.И кхо х1ума Дала деза ,1алашдан кхоьллина ду-кх.


 (Нохчийн меттан Дезчу дийнахь дешархошца а,студенташца а хиллачу цхьаьнакхетаршкахь  д1адаьхьна къамел)