Нохчийн меттан денна лерина классан сахьт

Петимат Абубакарова
                Классана лерина сахьт
                Шен ненан мотт халкъо,         
                Сий ойбуш, 1алашбахь,
                Цу   халкъан парг1ато
                Цхьаммо а хьошур яц.
               
                Мамакаев Мохьмад.

 Хьехархочун дош.

      Нохчийн къоман куьйгалхочун   Кадыров Рамзан-Хьаьжин омрица 2007 чу шарахь  апрелехь  -Нохчийн  меттан Де даздарца доьзна ду вайн таханлера беркате цхьаьнакхетар.
     Къомах къам дийриг уггаре хьалха, цуьнан мотт бу. «Мотт бац-къам  а дац!»-эрна ца аьлла оьрсийн сийлахьчу  яздархочо А.Пушкина.
     Классан сахьтана хьалха ялийначу эпиграфо,Мохьмад Мамакаевн дешнаша ,кхин а к1аргдо ненан мотт хааран,цуьнан сийдаран ,лараран долу доккха маь1на.Оцу байташа  ойла йойту жимма а хьесапдан хууш волчуьнга:  «Вай, нохчаша,маттаца херо лелор-м дац техьа, сел 1азапе юх-юха а вайн къам ийзор?» Самадовлий вай,кхетий вай!
     Къаьмнаш кхоьллина вовшашна довзийта,синоьздангалла д1асаекъийта,кхиийта…Дала  а  кхоьллина  вай  къаьмнашца,  цхьа  къам  кхолла  аьтто  боллушехь,  вай  вовшашна  довзийта  ,  дезийта  а.
Меттанаш  тера  ду  латочу  согарех , цхьана  стогарочул  алсам  серло  ло  шиммо,  кхаамо  ,  иштта  д1а  кхин  а.
 Дукха  меттанаш  хаар  -иза  доккха  ирс  ду,  серло  а  а  ю  синан.
     Суна оьрсийн мотт беза, иза  Лев Толстойн  ненан мотт хиларна, иза цунах воккхаверна, цунна дикадерг цуо хьиехарна, ингалсан мотт хазахета иза Шекспиран хиларна.
    Ткъа ненан мотт,нохчийн мотт, хьо беза  Дала  дуьненчу йолуш нохчо кхолларна.
    Нохчийн къам ц1арах-ц1ийнах даьлла лелачу хенахь,г1амарлахь хих терра, иза ца худийтинарг цуьнан мотт бара,цу маттахь лела г1иллакхаш а.
   Меттан  хазалла дебош,яржош мехала байташ язйина  къоман поэташа:М.Мамакаевс,А.Сулеймановс,Ш.Арснукаевс,Л. Абдулаевс кхин д1а а.
 Ненан меттан гимн хилла д1ах1иттина Шайхи Арсанукаевн х1ара байташ:


     Дешархо-1.    

  Ладог1а цкъа соьга, «хьекъале корта»,
  Ладог1а, яккхий д1а лергара потт:
  Йист йоцу х1орд сана, бу хьуна шорта
  Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

  Б1ешераш хийла а ихна и бекаш,
  Хьацарлахь,къийсамехь кхиъна и бу.
  Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш
  Даиман ша хилла нохчийн мотт бу.    ( Арсанукаев Шайхи)

   Дешархо-2.
    
         Нохчийн мотт ширачу заманахь дуьйна схьайог1уш шен истори а йолуш,тахналерачу дийнахь муьлхха а ойла яста а,йийца а шуьйра таронаш а йолуш д1ах1оьттина дуьненан къоначу меттанех цхьаъ бу.
        Нахски  меттанех цхьаъ бу иза,г1алг1айниг а,бацойниг а санна.
Амма бийцаран,бевзаш хиларан хьалхара меттиг ю цуьнан Къилбаседа-Кавказехь.Миллион сов стеган мотт а бу и карарчу хенахь.


  Дешархо-3.


     Вайн мотт ширачех,к1оргерачарех хиларан тоьшаллаш далийна  дуккха а кхечу къаьмнех г1арабевллачу яздархоша:Л.Толстойс,М.Лермонтовс,А.Дю-
мас…Иза кхиош къахьегна нохчийн 1илманчаша: Ю.Дешериевс,К.Чокаевс,      
 И.Алироевс,З.Джамалхановс,1.Вагаповс,Х-А.Берсановс…
    Октябран революции хиллачул т1аьхьа массийттаза йозанан кеп хийцаелира нохчийн меттан:1925-чу шарахь 1аьрбийн йозанера латийнице ерзийра,юха-кирилице.Доьзткъе иттолг1ачу шерийн юьххьехь латийница
юкъаялайо…Ма-ттов ловзабо нохчийн мотт, да вала ца вуьтуш.


  Дешархо-4( «Нохчийн мотт» Л.Абдулаев)


       Да ваьлла ца волуш,
       да вала ца вуьтуш,
       ког хецна ца болуш,
       т1ам баржо ца кхуьуш,
       г1амарлахь х1у санна,
       овкъарлахь суй сана,
       бихкина 1илманна,
       бихкина иллина,
       1иллина биллина,
       Биллина 1иллина…    (Леча Абдуллаев)

                3-г1а аг1о   

        Дешархо-5.


        Х1инцалерачу нохчийн меттан кеп кириллица ю.И графика х1оттийнарг ву оьрсийн 1илманча Петр Карлович Услар.Кавказски т1еман экспедицехь инженер волчу цуо, ламанан къаьмнаш йоза-дешаре озош,белхаш до кхузахь.
      Паччахьан эскарехь хьадалча волчу Къеда Досовс г1о а деш, 1862-чу шарахь арахоьцу «Нохчийн джуз ду х1ара» ц1е йолу абат.Услара схьайоьллу нохчийн школа а.Воккхаве иза шен кхиамех: нохчаша парг1ата доьшу цуо х1оттийначу абатца. Кхузткъе итт шо сов хан ю оцу йоза-дешарца вайн культура кхуьу,вай цунах доьлла а,иштта язбина хилла цуьнан кхоллам…


        Дешархо-6


      
     Нохчийн мотт,хьо кхуьуш бог1у денна! 
    Дуьйжи заза, лато кечлуш стом,
    Даржодериг мерза мутт дуьненна,
    Ца хуьлуйтуш кхин дуьненахь-т1ом!
   
    Цхьанна ша ца тарна,1азап лайна,
    Даламукълахь,х1инца-м дели къам.
    Йоккхае со, схьакарорна сайна,
    Нохчийн меттан к1айн жовх1арийн 1ам!
                (Пет1мат Абубакарова)

      Дешархо-7

     Нохчий хила лаахь, нохчо ву со бахарх ца тоьу, ненан мотт хаа беза. Кхин
 меттанаш  хаар дика ду, доккха ирс а, амма хьайн мотт д1а а теттина ахь и
 1амош белахь доккха ун а ду и…
    Д1адахнарг, т1ехиндерг доьзна ду маттаца. Дицдан ца деза нохчийн мотт сийлахьчу эвлаяийн-устазийн бусулба дин довзийтаран къилба хилар а.

      


4-г1а аг1о

      Дешархо-8.
 
   Бийцина Шо1ипа,
   Бийцина Соипа,
   Бийцина шайхаша,
   Бийцина жайнаша.
   Дийцинарг харцдора,
   Туьрца и дацдора,
   Даьттанца хьан а дой,
   Ахкарца шар а дой,
   Юха а д1абуьллура,
   Хьо г1енах боьлура…     (Леча Абдуллаев)



    Дошдерзор.
   
       Нохчийн маттах дийца шорта къамел хир дара, мел дийцарах а кхача  а
ца луш. Делахь  а вайн дайшна дош доца дезна-кх.Къамел дерзош,суна билгалдаккха лаьа: нохчийн къам санна, къар ца луш схьабог1у цуьнан  хазна-мотт а.Тахана цу маттахь ю(к1еззиг делахь а) телевидени, радио, театр,масех газет,4-5 журнал.Уьш ду- «Орга», «Стела1ад»,» «Вайнах», «Нана»,  «Гоч»,«З1уга».
 Дуьненахь цхьаъ бен доцу «Даймохк»-газет а.Амма и к1еззиг ду турпалчу, сац1енчу нохчийн къомана. Шух ю  тхан ерриге дегайовхо,тхан къона  т1аьхье!
     Вай къамел долийра Мохьмадан дешнашца: « Шен ненан мотт халкъо, сий ойбуш, 1алашбахь, цу   халкъан парг1ато
     цхьаммо а хьошур яц. Бакъду иза,шен къоман мотт ца лорург ,иза шен къоманна ямарт хилла 1ийр вац,кхечу къаьмнийн а хир бац цунах тешам,цуо мел говза кхечу къоман мотт бийцарх. Мохьмадан дешархо, некъахо волчу Леча Абдуллаевс йиначу беркатечу ллувцийца дерзадан лаьа вайн цхьаьнакхетар:
          Нохчийн мотт,г1аттахьа,
           Х1ар дуьне латтахь-ма,
           Бер бац,кхин 1иллина
          Ас хьашлаг1 … йиллина  (Леча Абдуллаев "Нохчийн мотт")
                *хьашлаг1-пари


Хьехархочо Абубакарова Пет1мата х1оттийна классан сахьт
                (21.02.08.)