Дешерин Юнусан къоман иесе некъ

Петимат Абубакарова
     Дешериев  Дешерин  Юнус  вина август беттан 1918 шарахь Т1ехьа-Мартант1ехь. Да-нана доцуш хьалхе висинехь а, гергарчара дика 1уналла  деш, бераллин-къоналлийн шераш д1адовлу Т1ехьа –Мартант1ехь.К1еззигчу хенахь хьуьжарехь доьшу к1анта.  Юкъара школа чекхъяьккхинчул т1аьхьа, шен берх1итта шо долуш, деша вахана иза Ростоверчу университете, белхалойн факультете. Ц1ечу дипломца чекхдоккху дешар. Обкомехь дика белхан меттиг бу цуьнга хьоьжуш, амма и шадерг дуьтий и д1авоьду  Москва, цигахь меттанийн 1илманан хьехархойн институте (Московский институт языкознания им.Ленина ) деша  х1утту  1939 шарахь, х1ета дуьйна  Москвахь-г1алахь  д1адоьду цуьнан дукхаха долу дахар.
   Дуьненан юкъара т1ом болабелча, доьшуш волуш, т1ам т1е воьду Юнус , амма  хиллачу чевнна юхавоьрзу .Т1еман корреспонлентан даржехь болх а беш, лаккхара кхиамаш дешарна т1ехь гойтуш, экстернаца 1941 шарахь чекхйоккху шоллаг1а лаккхарчу дешаран хьукмат а. 1946 шарахь диссертаци язъйо бацойн мотт талларехь.И болх докторски юкъа а бахара цуьнан 1954 шарахь .Профессор ц1е ло 1955 ш. 300 1илманан белхаш яздина Дешерин Юнуса. Царех «Бацойн мотт» ц1е йолу болх бахьана долуш Доктор ц1е  елла цунна. Дуккха а 1аматаш х1иттийна цуьнан белхаш т1ехь.
 Москварчу языкознанин  институтехь меттан 1илма девзаш,к1орге хьекъал долуш нах эшарна а, Дешерин Юнусан амал тарна  а, шаьш адамалла йолуш  хиларна а,  халчу муьрехь  дешарах юкъаха ца воккхуьйтуш , дика накъосталла дира  Юнусана  цуьнан  куьйгалхой хилла болчу Вартан Аветович Петросяна ,Иван Иванович Мещаниновс а,Николай Феофанович Яковлевс а ,иштта кхиболчара а. Нохчийн къам махкахь даьккхича, уггаре а хьалха Делан лаамца а, оцу хьахийначу адамийн г1оьнца а  Москвахь висира Юнус. Бакъду, ч1огг1а халачу хьелашкахь текхира цуо и  шераш:буьйсанаш а,денош а д1адаьхьира библиотекийн пенашкахь а, т1уьначу подвалашкахь а
Даим а лечкъина лелавезаш дара хьал. Дукха а халонаш лан езаш дара 1илманан новкъахь. Цу халчу муьрех лаьцна  яздина цуо «Боданехь а,къовсамехь а д1адахана дахар» («Жизнь во мгле и борьбе») ц1е йолчу,  ша 1991 шарахь яздинчу  жайнахь. Автора книги  т1ехь ма-дийццара, халонаш кхин а ч1аг1ъелира 1944 шарахь, къам махках даьккхича.НКВД –но  кхуьнан белхаш д1а а даьхна , 24 сахьт хан елира  Москвара д1аваха аспирантура чекхйоккхуш волчу  кхунна.Оцу киртигех вала г1одиначех бара  лакхахьа хьахийна болу Россин Академин президиуман декъашхой И.И.Мещанинов а,В.А.Петросян а.Цкъа-цкъа  ойла кхоллалора  аспирантан ,шадерг дита а дитина,  шен нахана т1аьхьа Казахстане д1аваха. Амма Гайрбеков  Муслиман а, Висаитов Мовладин а кехаташ дагадог1ура.Ницкъ кхочуш Москвара ара ма вала,вайн къоман пайдехь хир ду иза  бохуш яздора цара шайн накъосте. Хила а хилира иштта: 1956 шарахь  июнехь г1алг1айн яздархочуьнца Идрис Базоркинца дуьххьара  Кремле делегаци вовшахтоьхнчех уггаре а жигарчех цхьаъ вара Дешериев Юнус. Вайн къоманна беркате чекх а   делира цара д1адолийнарг.  Цунах лаьцна дуьззина язйина ша бухадитинчу   йозанашкахь       Дешериевс.
   Юнус Дешериев сан ц1ийнах, гергара стаг вуйла хуучу халкъан яздархочо Исмаилов Абус суна т1едиллира цунах статья кечьяр. Халахеташ делахь а,  Юнус дийна волуш, цуьнца цхьаьнакхетар ца хилла сан, амма цуьнан верасашца –вешин берашца цхьаьнакхетар хуьлу.
Юнусан шен доьзалехь к1ант ца хилла,ткъа ши йо1 шайн кхоллам болуш д1анисъелла. Юнусан дуккха а яхьйолуш вешин бераш, вешин к1ентан доьзалаш а  бу. Царех цхьаъ ву Дешериев  Мухтар, дуккха а шерашкахь Т1ехьа-Мартант1ехь ишколан директор болхбина,наха лоруш  а волу.Цуо дукха дийцира  шен девешех лаьцна,цуьнан хьуьнарех а, комаьршаллех а.  Къаьсттина Юнусан  дахарехь  бакъдолу хилларг карладоккхуш г1одира Соьлжа-г1аларчу Дешаран департаментехь бухгалтеран болхбеш йолчу вешин к1ентан йо1а  Дешериева  Мутушан  Лайлас.Дуккха а  кехатан материалаш елира цуо соьга  1илманчех лаьцна. Билгалдаккха лаьа, Юнус Дешериевн  т1аьххьара денош  кхеран  х1усамехь чекхдовлар. Ткъа тахана верасашна, юьртахошна а дозалла  ду  Юнус Дешериевн  ц1арах  Т1ехьа-Март1ант1ехь урам хилар.
    1илманан ,дешаран департаменто  схьайиллина профессоран ц1арах  Лингвистически ишкол  а ю Шейх-Мансуровски к1оштахь болхбеш.
Ткъа къаьсттина мехала ду Юнус Дешериевн дахаран коьрта маь1аргонаш нохчийн яздархочо,Россин яздархойн союзан декъашхочо Хатаев Ахьмада «Халкъан мостаг1» («Враг народа») книги юкъа яхна хилар.