Ненан мотт - халкъан са

Айза Барзанукаева
               
Адамийн дахарехь зазадоккху хан ю 20 шо кхочу хан. Оццул хан ю дуьненан юкъаралло 21-чу февралехь Ненан меттан де даздеш долу. Цуьнан шен цхьа бахьана ду. Вайна ма-хаъара, х1окху дуьненахь мел долу х1ума маттаца доьзна ду. Адамаша бен ца кхиабо шен ненан мотт. Тесна дитинчу жовх1аран бос хийцало. Оцу кеппара бийца а ца буьйцуш тесна битина мотт а леш бу.   Иза заманан йохаллехь болу-уш д1аболу, цуьнан садолу, иза ле. Цу тайпанчарех вай «мертвые языки» олу. Дуьненаюкъара ЮНЕСКО  организацино теллина меттанийн хьал. Тахана х1окху доккхачу дуьненахь «болх беш» 7000 мотт бу. Ткъа Россин пачхьалкхехь цхьа б1е ах б1е мотт бу. Царех ахб1е гергга юкъара д1абала тамболш бу. Царна юкъара 20 мотт массарел хьалха лийр болш бу, аьлла, т1еч1аг1дина 1илманчаша. Вайна хала хеташ делахь а, цу ткъанна юкъахь  нохчийн мотт а бу…  Вай дукха к1орггера ойла ца йо ваьшна ненан маттахь х1ума еша ца хаьа я хала ду олуш. Эхь хета дезара, аьлла, хетий шуна?  Амма цхьаццаболчара ишттаниг г1еххьа кураллица олуш санна хетало. Бос а байна телхаш долчу  жовх1арна хуьлуш дерг ма хилахьара вайн ненан маттана! Статисташа  ма-баххара, х1ора баттахь дуьненахь шишша мотт юкъара д1аболуш хилча, глобуса т1аьхь п1елган ма1аррал а йоцчу Нохчийчоьнан  халкъан маттах х1ун хир-техьа? Аллах1 Дела орцах волийла цунна! Ткъа вай Аллах1а ваьшна деллачу хьекъалца  хьакъ болу  тидам т1ебахийтина, мало ца еш, кхион беза вешан нохчийн мотт! Бакъдерг дийцича, ингалсан маттана санна к1ирнах ши сахьт бен ца делла школашкахь ненан маттана а…  Нохчийн меттан ша-тайпа статус хила ца езара? Баьрчче а баьккхина,  айбина, базбина,  шуьйрра некъ а белла, Ненан меттан Де даздечу дийнахь санна хьаьстина хила ца безара? Вай массара г1одъюкъ а йихкина къа ца хьегахь,  адамийн  ши-кхо  чкъор д1адаьллачул т1аьхьа вайн къоман мотт а д1абала кхерам бу.
Ткъа вайна массарна а хууш ду: мотт белахь – къам ду,  мотт бацахь – къам дац.