Хетарг Стеган оьздангаллин бустам

Айза Барзанукаева
Муьлхачу стагах олу «И стаг оьзда ву»? Иза г1иллакх долш, лулахошца бертахь вехаш велахь, белхан накъосташца ларам болш велахь, мел доккхачу дарже ша кхачарх, к1оршаме воцуш, собаре, шена т1евеанчун г1уллакхе хьожуш велахь – ишттачух олу оьзда стаг. Лаккхара дешар дешна хила ца оьшу стаг оьзда хила. Вайн ворх1е дайшкахь ца хилла  институташ яьхна нах, амма уьш ч1ог1а оьзда хилла  -  дахарца, духарца, леларца, хабарца. «Оьздангалла»  боху дош оьрсийн матте  даьккхича «культура» ду. Юкъа яьл-яьллачу «модина» т1аьхьа  уьдуш, ваьш т1еюху х1ума «модица» яийта г1ерташ хуьлу вай. Амма ойла йой вай «культура» бохучу дешан кхин  маь1на дуй-теша аьлла? Бедаршца оьзда хилар санна ду буьйцучу маттаца а оьзда хилар. Цунах «культура речи» олу. Вайн х1окху «Аргун» газетан аг1онашна т1ехь меттан  оьздангаллех (культура речи) лаьцна хьахош ду даима а.  Кху дуьненахь уггар вайна мерза хеташ берг вайн ненан мотт, нохчийн мотт бу. Яздархоша шайн гуларш т1ехь буьйцуш,  байтанчаша а, иллиалархоша а цуьнан сийдарца, ларарца лаккхарчу т1ег1ан т1е хьалабаьккхина иза. Вайх х1ораммо а ларбан безаш, доладан дезаш бу вайн къоман мотт. Декхар-м дара, амма  х1етте а дукха атта, ваьшна ницкъ ца беш, буьйцу вай вешан ненан мотт.
Масала, схьаоьцур вай ши дош: «вуон» - (вуонан, вуонна, вуоно,  дукхаллин терахьахь - вуонаш), т.е. «зло». Дукха хьолахь цу дешан метта цъаболчара  «г1о» олу: «г1онах лардойла вай Дала»   аьлла.  Ткъа «г1о» бохучу дешан маь1на кхин ду- (г1оьнан, г1оьнна) – помощь, поддержка, содействие. «Г1о» дешан кхин а цхьа маь1на ду – «полоз саней» - «г1оьнаш» -  «полозья». Вай дуьйцург  «вуон» - «зло»  ду.     Оцу дешан маь1на нийса ца деш хеза вайна кху т1аьхьарчу хенахь. Нохчийн маттахь «вуон» боху дош ц1ердош хилла  ца 1аш, билгалдош хилла а лела. Масала, «вуон» стаг – «злой, нехороший, плохой» человек. Цунах а олу цхьаболчара «г1о» стаг.    Долчулла а доьхнарг ду  «г1уш» ву бахар!  «Идет» бохучу маь1нехь деш ду цу тайпана къамел.   «Г1уо» -  «иди» бохург ду.  Цу дешан юьхьанцара кеп  «ваха»   ю – «идти» - (воьду, вахара, вахана, г1ор, г1ур ву). Амма «со воьдуш ву» алар меттана «г1уш ву» бахар мотт чолакх баккха г1ертар ду. Вай ца ларбича кхечу къаьмнаша ларбийр бац я ларлур а бац вайн ненан мотт!
«Вуон» – «дика» бохучу дешнийн маь1на а хууш, дахарехь вуон -  дика къасто а хууш, нийса мотт а буьйцуш хила деза вай.