Хетарг Хьаста а, хесто а

Айза Барзанукаева
     Кху т1аьхьарчу шерашкахь  адамийн дахарехь дукха х1ума хийцаделла. 1ар-дахар аттачу даьлла. И ч1ог1а дика а ду. Вайн нах къаьсттина оьзда гуш бу духарца а. Духаро куц-кеп даьккхина стаг мелла а шен хенал къона хоьтуьйтуш,  товш  гуш хуьлу. Оцу тайпана  дагна  тамечу х1умнашца дог1уш дац, аьлла, хета вай вешан мотт бендоцуш, х1ораммо шена ма-хеттара,  метан цхьана а бакъонца дог1уш а доцуш, башхалла а ца еш, бийцича. Къаьсттина новкъадог1у 1илманца-йозанца болчара  ишттаниг шайгара далийтича.
     Масала, вайн маттахь ши дош ду: хьаста а, хесто а. Дукха хьолахь и ши дош нийса  олуш ца нисло. Хьаста  (хьосту, хьаьстира, хьаьстина) бохучу дешан  маь1на оьрсийн маттахь – приласкать  бохург ду -  бер хьаста).
Хесто – (хестадо, хестийра, хестийна – хвалить; восхвалять, прославлять, воспевать; дешархо хесто -  хвалить ученика).
Вайна ма-гарра, оцу шина дешан тайп-тайпана маь1на ду!
Амма цхьацца вовшахкхетаршкахь (мероприятешкахь)  йозанца гергарло долш болчара а нийса ца даладо шайн къамела юккъе  и дешнаш. Дукха хьолахь предложенехь маь1ница дог1уш хасто ала дезачохь хьасто олу.  Жим-жима могуьйтуш, къамел деш волчо  нийса ца аьлча  ладуг1учо и нис ца вича, ирча хьал х1уттур ду вайн матте. Халахеташ делахь а  вайн дахарехь мамО-папО  бохучу дешнийн кеп  ч1аг1ъелла яьлла ала мегар ду.
Вайн ненан мотт – халкъан хазна ю. Иза 1алашбар а, цуьнан доладар а вайн массеран  декхар ду. Йо1б1аьрг санна ларбан беза вай ненан мотт. Мотт белахь къам ду, мотт бацахь къам  дац – иза сецна бакъдерг ду, оьрсийн маттахь аьлча - аксиома.
Аллах1 Дала хьекъал, доьналла, кхетам лойла вайна цунах кхета!